Нохчаллин т1ерехьатах дош

Сайд -Хамзат Нунуев
 


      Дуне, зама цхьана меттахь ца лаьтта. Хийцалуш ю адамийн амалш а, ойланаш а.

      Мича аг1ор хийцало уьш? Мичхьа, муьлха, муха бу уьш хуьйцу ницкъ, х1ун 1алашо ю цу ницкъо схьалаьцнарг?

      Мел ницкъ, таронаш, декхаралла ду, масала, вайгахь, нохчашкахь а г1алг1ашкахь а? Вай кху дуьненчохь кху дуьненах шена луъург хилахьара, вайгахь х1умма а дац, вай кегий къаьмнаш ду, бохуш, юьстаха а девлла, ваьшна хьал-бахам а лоьхуш 1ен декхарийлаъхь ду, я вешан пайхамарша, устазаша, шайхаша х1у баьхнатехь, х1у хьехнатехь, бохуш, ойланаш а еш, цара ма хьеххара адамаш а хилла кхана дог1у долчу Къематан Дийнахь юьхьк1айча а долуш, Аллах1 – Далла дуьхьала х1итта дагахь ду?

      И къастам, атта хетахь а, бан а, лело а атта бац.

      Аллах1 – Делан пурбанца.

      Шеко д1аяккхай, вешан дегнаш чу хьовса вай.
      Шеко д1аяьллачахь Нохчалла гур ю вайна.

      Гамонаш, цабезамаш д1ажимбай,
      вешан кийранаш баста вай.
      Кийранаш парг1атбевллачахь Нохчалла карор ю вайна.

      Вовшашка болу тешам алсамбаккхай,
      вешан дегнаш дузаде вай.
      Дегнаш токхе долчахь Нохчалла евзар ю вайна.

      Безамах, тешамах, оьздаллех, ийманах
      дузаде вай вешан дегнаш.

      Т1аккха Нохчаллин Аллах1-Делера мерза чам
      ма-барра хуур бу вайна.

      Хаа вайна Нохчалла карлаяккха доллучу а дуьненчохь.

      Т1аккха доллучу къаьмнашкара, Аллах1-Делера санна,
      баркалла хир ду вайна.


      Аллах1 – Дала пайхамаршна хьехначу некъа т1е х1уьттуш хилча, вай тахана санна леларх тоам хир бац. Аллах1 – Делан, пайхамарин некъа т1е бахьанаш лелорах х1отталуш вац. Цкъа хьалха шари1атехь д1а а нисвелла, т1аккха т1арихьата т1е вала веза стаг.

 Цундела кхета веза «т1ерехьат» бохург х1ун ду, муха хийцадала таро йолуш ду т1ерехьат хийцалучу замане, хийцалучу адамийн уьйрашка, амалшка, ойланашка хьаьжжина.

      Вайна дага а дог1уш, моланаша памидораш, картолаш яар къилахь ду, уьш керстанийн даар ду. Ши сема йолу ворда лелор доккха къа ду, иха г1азакхаша бен ца лелайо.

 Кино гинарг, сурт даккхайтинарг, телевизора чу хьаьжнарг Аллах1- Делаха волу, бохуш хенаш яьхкина. Х1инца цу хьехамаш бинчеран т1ехьенаш ерриге а цу телевизоршна чу евлла.

  Х1нца цу телевизорех хила а хилла шайт1анаш, хьалха ца хиллехь а.
 

      Нохчаллин (Нохь-пайхамаран) т1ерехьат.


      «Т1ерехьат» бохург – некъ бохург ду. Нохчалла – нах болчу наха эзар шерийн к1оргера дуьйна схьабахьаш г1иллакхан, оьздаллин, эхь-ийманан, доллучу а дикачу х1уманан некъ бу. И некъ, 1илмано, историс ма-гайттара, Нохь-пайхамарна т1ера дуьнна схьабахьаш бу нохчаша.

 Ваьш Нохь-пайхамаран т1аьхье хилар билгала деш, «нохчий», аьлла ц1е а ю вайн къомо лелош. (Боллучу а дуьненчуьрчу нахах вай «адамаш» олу, Адам – пайхамарх схьабевлла дела.)

      Т1ерехьатан бух – шари1ат бу. Шари1ат – бусалбан динан низам, бусалбан дина юьккъе тоьна гарс бу, и дин тайп-тайпана зенечу мехашка д1аса ца идадайта.

 Т1ерехьат – х1ора стага а шеен лаамца т1еоьцуш некъ бу. Т1ерехьат т1еоьцурш ша-тайпа нах бу. Церан кху дуьненчохь кхи 1алашо, кхи хазна, кхи маь1на дац Аллах1-Дела, денна цунна т1ебоьду некъ бен.

 Цундела х1ора а т1ерехьатан новкъа ваьллачух эвлияъ ( святой ) ала мегаш ду, нагахь цо къастайна некъ билггала т1ерехьат делахь. 

      Тахана нах бакъдолчах а кхетийна, уьш тешо хала ду. Х1унда ду? Жоп тамашена хетта мега шуна. Хала дера ду… х1ора стаг а йоза-дешар а хууш, кхетам совбаьлла волудела.

      Баь1а, ши баь1а шо а,кхи а дуккха а заманаш хьалха дешна стаг лоруш хилла, сийлахь хилла, ишттаниш к1еззиг бен боцукдела. Церан дарж Далла улло д1ах1оттош хилла. Уьш Далла уллора охьабийссанарш хеташ хилла. Х1етахь иза нийса а, пайдехь а хилла, цара нахана вонаг хьоьхуш ца хилла. Уьш бахьанехь х1етахь нахана юьккъехь дин, эхь-ийман, има а, беркат а лаьттиш хилла.

      Амма церан зама мелла а генаяьлла. Церан сий а деш, уьш лара беза. Тахана, хийцалуш лаьттачу дуьненчохь ваьшна юьккъехь бакъдерг, ц1ена дерг, пайдехь дерг лаха деза вай массара а, вешан бусалба дина т1е а тевжаш.

 Ишттачу к1оргене кхачацхьана стеган а, итаннан а ницкъ кхочур бац доллучу а къомо, сама а даьлла, к1орггера ойла ца йича.

      Тахана вайн дешна нах, 1еламан нах дуккха а ма бу, хьалхачул а. Х1унда хьийзайо вай вешан вортанаш т1ехьа, хиндерг а, хуьлуш дерг а хьалха хилча? И хиндерг а, хуьлуш дерг а хаа а, ган а йиш яцтехьа вайн тахана?

 Д1ахначу заманашна Аллах1 – Дала бела хилла шайхаш а, устазаш а таханалерачу заманна х1унда ца беллтехь цо? Я вайна уьш ваьшна юьккъехь къасто ца хеа?

      Г1уллакх галдаларан бахьана цхьаъ ду, вайн сийлахьчу, оьздачу яздархочо, хьехамчас Айдамиров Абузара ма-баххара: вайн таханалера динан дай ду шаьш, бохуш лела нах 1илманца а, хьекъалца а генабевлла бац.

  Школехь шианнаш а дохуш лелла, халла масех класс бен яккхаза нах айбой лелабо вай, цара дагахь 1арбийн маттахь масех аят а, хьадас а 1амайнера, бохуш. Суьпавалар (набожность) Далла улло вахар ду моьтту царна.

 Дац. Далла улло вахар – къорггера Къор1ано а, 1илмано а х1убоху хаар, царна т1ехь долу 1илма таханалерачу дийне д1анисда хаар ду. Нахе ламазаш а де, мовладаш а деша, зуькаршка и иха, бахарх тоьаш дац. Уьш дича дика дуй-м сан цхьа элп а хууш а йоцчу денанна а хеара, цо и динан декхар доггаха а леладора.

      Нохчалло цхьангге а шен дин д1атаса ца боху, я ша керла дин ду а ца боху. Ночалло ша массо а адаме а пайхамарин некъе юхадерза боху. И некъ цхьаъ хилар сийлан Къор1анчохь билгалдина а ду, и бен кхи некъ а бац адамийн вовен дош а хеташ вовшен лара а лоруш т1егулдала, вовшахкхета, цхьаъ хила.

 И дерриге а адам а цхьаъ деш болу сийлахь боккха гекъ бу Нохчалла. Дукха къахьегна Йилбазо вайна и дицдалийта г1ерташ, вайна ваьш муьлуш ду, вайн орамаш мича доьлху ца хаайта г1ерташ.

  Амма тахана, сийлахь везачу Аллах1-Делан лаамца вайн эс, вайн кхетам, вайн эхь-ийман юхадоьрзуш лаьтта. Иза иштта ца хуьлийла а дацара кху доха кечделлачу дуьненахь.

 И вайн къоман башхаллаш гучуевр юй хууш а хилла хила герга ду шеен умматна 1500 шо гергга хан ехначу Мохьмад пайхамарна, Делера сала-маршалла хилла цунна а, и бакъвечу массо а бусалба нехан умматана а.

      Кху дешнийн маь1нех тахана дукха нах кхетар бац. Амма кхи некъ бац адамийн Йилбаз а эшайна, иймане юхадерза, сийлахьчу пайхамаршна сийлахь везачу Аллах1- Дала хьехнарг бен. Кхи пайхамарш бевр бац кху дуьненчу Къематан Де улло г1ортталц.

 Дала шен къайленаш жим-жима йовзайтур ю дуккха а нахана. Цундела аьлла ду исламехь, дуьненчохь пайхамарш а боцуш, Далла дукхабезна, Дала шен къайленаш гучайохуш нах хир бу. 

      Кийрахь Нохчалла йолу стаг дегабааме, хьаг1-гамонца, шеконашца ца хуьлу, х1унда аьлча, цунна хеа дерриге а Аллах1-Делера дуй а, яккхий харцонаш шех мел 1итталун, шена цу Делера ял юй а.

 Х1унда аьлча, халонаш ларо бен ч1аг1 ца во стаг, харцонаш эшоро бен ца 1амаво стаг Йилбазал тола. Йилбазалла эшош баьхна толамаш бу угаре а ч1ог1а стагехь йолу Нохчалла ч1ог1ъеш, дебош, алсамъйоккхуш ерг, мидалашше, орденашше, мехцаргин совг1аташше дац. Цара, мелххо а, Нохчаллина зен до, стаг пайдабоцчу воккху, къаьсттана, иза царна т1аьхьаваьлла лелахь мухе а.


 ***

      Нохчаллехь  осалчех цхьа1 ду 1едалера совг1аташка сатийсар, царех воккхавер, царна т1ехьа шен къонахчун дог а лачкъайна, уьш некхат1е а тийсина, лелар.

      Ойла ел, муха хетар вара вайна некхат1е мидалаш а ихкина лелаш Кунта-Хьаьжа, Лев Толстой, вайн шайхаш, устазаш, пайхамарш-м бийца а ца буьйцур вай.

      Нохчаллин да волчун совг1аташ кийрахь, дагчохь ду, дагна т1ехула дац, цу совг1атан кху дуьненчохь билгалбаккха йиш йолуш мах бац, х1унда аьлча Нохчаллин барам, йозалла, цуьнан терза метафизике (бакъдуьнене) д1абоьду.

     Нохчалла – кху харц дуьненнай, бакъдкъдуьненнай юьккъера т1ай ду. Цу т1ай т1ехула воьду стаг Аллах1-Далла т1е, цу т1ел, охьа а ца вужуш, дехьаваларо во иза декъала.

      Дала ша къастийнарг Нохчалле валаво
      Делаца гамвелларг Нохчалло вагаво
      Нохчалло ирсе вой, дуьненан да а во
      Осалло 1ехийнарг Нохчалло вожаво.

      1едале дехарш а дой цхьацца «сийлахь» ц1ераш а йохай, цу ц1арех байракхаш а йой, шайн йилбазан идеологи Нохчаллена дуьхьалъяккха доггах тийсалуш берш а бовлу вайна юьккъехь.  Эхье ду цу кеперчу ц1их1урех вайн кегийчу наха дозаллаш дар, церан есачу корматаллех уьш боцу пайда эца г1ертар.

    
     ***