Бетарсолт

Вахит Хаджимурадов
                Бет1арсолтин б1аьргашна йина операци.

                1 сурт
Истолан уллохь г1антана т1ехь 1аш ву Бетарсолт. Газета ца дешалуш б1аьргашна ницкъа беш, куьзганаш генадохуш, уллодохьуш волу. Зуда Курпату ю чохь нуй хьокхуш йоллуш.

Бетарсолт. Х1ара, хезий хьуна?
Курпату. Х1ун бах ахьа?
Бетарсолт. Х1ара тахана деъна газет дешний ахьа?
Курпату. Ас газет ахьа т1аьххьара алапа эцча дешна-кх.
Бетарсолт. И маца дара?
Курпату. Стохка, к1ирандийнахь!
Бетарсолт. Дера х1окху сан б1аьргашна цхьа дарба ца дахь дера дац моьттуш ву со.
Курпату. И айхьа стохка схьаэцна алапа чекхдалале де ахьа!
Бетарсолт. Х1ара, зуда, ас х1ора к1ирандийнахь ма дохьу х1окху чу алапа. Ас санна дукха алапа оьцуш тхан тайпана т1ехь стаг ма вац! Лула-кулара дехахьа ахча, Москва вахана вог1ур вара со х1окху б1аьргашна апираци а яйтина.
Курпату. Нахера ахча доьхур долуш яц со. Х1ан, х1ара ахча аса тхайн ненера юхалург деънера.
Бетарсолт. Мегар, делахь! Воьду со! (Сиха кечлой чуьра араволу)

                2 сурт.
Жимма хан яьлча, ц1авог1уш волу Бетарсолта шайн не1аре кхочу.

Бетарсолт. (Не1арна уллохь соцу. Не1 туху ч1огг1а) Х1ей, чохь дуй шу?
Курпату. (Чуьра аз хеза) Мила ву цигахь? Тхан ц1ахь стагга а вац!   
Бетарсолт. Ой, шун ц1ахь стаг муха хуьлу, со х1оккхузахь хилча! Со вац стаг?
Курпату. Вац!
Бетарсолт. (Ша-шега) Ван а дера вац, сайн ц1а чу цхьана сохьтехь не1 етташ лаьттара вацара со, стаг велахьара. (Ч1огг1а мохь туху зудчуьнга) Ой, схьаелла ца боху ас не1!
Курпату. Ца йоьллу!
Бетарсолт. (Ша-шега) Э-э, дера деза ас х1илла х1оттон х1окху ешапна. (Х1иллане волу.) Хазяйка-а! Дай, вада папит! Мая устал, далеко шол пешком из Самарканд на «Газелл»! Дай хот десит рубил! Бумажка толко! Железни денг ны нада! Я карсивий, галза узкий-узкий.
Курпату. Х1инца х1ара а ву моьтту суна, сан чоьтах Москва вахан дагадеъна! Д1авала, д1аг1о, саг1ийна яла х1умма-м х1етте а ца йитинера оцу тхан ц1ийнадас! Аса халла гулйина т1аьххьара кепек а эцна Москва вахана и! Ц1а ма вариг! Б1аьргашна апираци яйта! Б1аьргех х1ун до, корта ца хилчи?
Бетарсолт. Ой, хьераяьлла хьо, Курпату, схьаелла и не1, чуваийта со! Алапа дохьуш веъна со!
Курпату. Ва, со яла хьан дела1, хьо вац иза? (Не1 сихха схьайоьллу)

                3 сурт
Чоь юьззина чохь 1аш, йоккха стаг, воккха стаг, кхин а масех стаг ву. Курпатус не1 схьайоьллуш, чувоийту Бетарсолт.

Курпату. Ой, хьо ц1акхечи! Куьзганаш стенга дахана хьан? Апираци йин хьуна б1аьргашна? Х1инца ц1ена гой хьан б1аьргашна са?
Бетарсолт. (Гуонаха хьожуш ву леррина. Чуьрачаьрга хьоьжу, ца бевзаш, д1аволалуш-схьаволалуш) Ой, Курпату, хьо иштта боьха 1аш юй ца хиъна-кх суна х1инццалца!
Курпату. Со боьха 1аш йоций хуур дара хьуна, тхан нана хьайна гича.
Бетарсолт. (Чохь 1аш йолчу йоккхачу стаге хьожу) Х1ара мила ю?
Курпату. Тхан нана ю-кх! Ца евза хьуна?
Бетарсолт. (Воккхачу стаге хьожу) Ткъа х1ара?
Курпату. Тхан дада ву-кх!
Бетарсолт. (Гуонаха хьожу) Х1орш?
Курпату. Х1орш тхан тайпана т1ехь мел берш бу-кх!
Бетарсолт. Х1орш х1ун деш бу х1окху чохь? Хьошалг1а баьхкина хир бу х1орш?
Курпату. Бац. Х1орш-м д1абахана а бацара.
Бетарсолт. Муха д1абахана а бацара? Ткъа мичхьа бара х1орш х1инццалца?
Курпату. Х1оккхуза чохь, вайца 1аш бара-кх.
Бетарсолт. Ткъа сунна ма ца гина х1орш х1инццалца.
Курпату. Гур бара, ахьа б1аьргаш хьалххехьа шен хенахь схьабилланехьара-м.
Бетарсолт. Х1инца билли аса б1аьргаш схьа. Аса х1ора к1ирандийнахь схьаоьцуш, х1окху чу дохьуш долу алапа х1окху хьан тайпана т1ехь мел волчу стагана д1адоьдуш хилла-кх!
                Чаккхе.