Х1инцалера мангалхой

Вахит Хаджимурадов
                Х1инцлера мангалхой.               
                (Сатирин пьеса)               
                Дакъалоцурш:
Мусост – «Вайдаха» литжурналан коьрта редактор
Лисберг – редакторан г1оьнча, секретарь, нохчийн критик.
Дошсолт – прозин, поэзин редактор
Мусит – «Т1орказ» литжурналан коьрта редактор
Бухит – Муситан г1оьнча
Думалоева – «Т1урнене» литжурналан коьрта редактор
Ц1уналоева – Думалаеван г1оьнча.
Гуашов – нохчийн суьрташдахкархо.
                1- сурт
     Хьаькаман кабинет. Истолан уллохь кресло т1ехь 1аш Мусост ву. Байт кхуллуш ву цкъа ойла еш, т1аккха кехатана т1е д1аязъеш.

Мусост. (Тхевне воьрзуш)
              Ма къежахьа кхечу к1енташна,
              Ма къежахьа…
Дера ма къежа, къежане а. Массарна а хьо къежаш хилча, хьо езарш дукха хир ма бу. И харцо ю! Цхьа йо1 цхьана к1антана бен йезийла дац. Ткъа цхьа йо1 массо а к1енташна езахь, иза-м кийчча дов ду. К1ентий вовшен карах белла д1абевлича бисинчу мехкарша х1ун дийр ду? Уьш-м маре баг1ан стаг а воцуш буьсур ма бу, ша и вайн республика топ ца кхуссуш яьккхина болчу бизнесхошка-саг1адоьхучаьрга ца г1ахь. О-о-о! Ма г1урт хуьлуш лаьтта х1окху сан байтах. Байт язъян а г1оьртина, дийнна философин трактат хуьлуш лаьтта х1окхунах-м. Со ву-кх бакъволу яздархо! Дала халкъана вазвина ваийтина…
             Ма къежахьа…
(Хьалаэккхаш чухула д1асаволало, кисина куьйгаш а духкий. Ша шега)
Дера, дала вазвина ваийтинехь а, и «Халкъан яздархо» олу и еза ц1е-м атта ца ели суна оцу културан министрас. (Телефонан горгли бека. Мусостас шен кресло чу д1анислуш охьахууш лерге хьо телефон). Алле! Со ладуг1уш ву-кх. (жимма соцунг1а хуьлуш). И бохург х1ун ду? Мила ву? Со Мусост ву-кх. Республикан коьрта журналан уггаре коьрта редахтор! (Хьалаг1оттуш нислуш). Ой, шу даг1а могуш, маьрша! Т1аккха ткъа Москохахь х1ун ду? Ло-м ца дог1у цигахь? (Телефонан аппарат т1е куьг дуьллуш д1акъовлуш, ша-шега). Ас х1ун дуьйцу? Аьхкен юккъехь-м Москохахь а дог1ург хир ма дац ло. (Телефонна чу). Т1аккха, могуш 1ай шу? Зуда а, бераш а, лулахой… Х1аъ, аса-м сема ладуг1у. Къастадо аса-м, кхийтира со-м… хьо жима зуда хилар. Хьена секартар ю элира ахьа? Пачхьалкхан коьртачу литжурналан уггаре коьрта редахторан коьрта секартарий? Кхетош ду! (Ирахьаланислуш). Т1аккха, х1ун хьал ду пачхьалкхан коьртачу литжурналан коьрта редахторехь… зуда, бераш… (ахдош олуш юкъах волуш). Ладуг1уш ву со-м… Дийцал ахьа. Со д1аван оьшуш х1ума-м дац цигахь? (Телефон къовлуш, ша шега. Ойлане хуьлуш, ирх хьожуш) Во-м хир дацара цхьана баттана Москоха командировке ваг1ача. Кхин а дика хир дара суна цигахь йовхуо, шай-кай алсам хир йолуш болх-меттиг цара кховдийча. (Телефонан чу) Муха бохура ахьа? Оьрсийн матта даьккхина нохчийн яздархочун дийцарш оьшу шун пачхьалкхан коьрта литжурналана? Ой, дела я хьо могуш, маьрша! Сан ду-кх и нохчийн дийцарш дахьан меттиг а боцуш… (Ладуг1ий) Х1ан-х1а, кхин яздархой аьлла х1ума а дац тхан республикехь кхинарш-м. Царнна-м ларт1ехь ши дош вовшех таса а ца хаьа. Со ву-кх халкъан Дала вазвина… Аьлча а, халкъан яздархо, поэт, драматург, сценарист, публицист, журналист… (Ладуг1уш) Х1а? Х1ун? Тоьур дуй? Со х1инца а юккъе а ма ца ваьлла сайн хьунарш, говзаллаш, пох1манаш, даржаш дуьйцуш… (Ладуг1ий). Мегар ду… Ахьа бохург дер вайшимма… Ткъа хаза юй хьо?.. Бехк ма биллалахь, и ала ца г1ертара со… Мегар ду! Х1окху республикехь мел волчу жима а воккха а яздархойн дийцаршна юккъехь, кхайкхам а бина хаьржина, уггаре диканиш, тоьлланиш кхана д1атосур ду-кх оха шун пачхьалкхан коьртачу литжурналана ц1арах почтехула. (Ладуг1уш) Муха? Муха элира ахьа? Кхин цкъа а алахь. Ми-й-мейл? (Телефон куьйгаца д1акъовлуш. Ша-шега). И х1ун меймал ду цо дуьйцург? Х1умма а дац Люскина хуур ду и х1ун ду, иза ма ю 1уьргара дахка ларбеш 1ен цициг санна оцу компьютеран чу а йог1аелла 1аш даима а. Х1ун самукъадолу хаахьара оцу компьютерх! Телевизор чохь-м цхьацца суьрташ, кинош а гойтура. (Ц1еххьана меттавог1уш, телефон чу). Х1а-ах1? Х1ун? Мегар ду оцу ахь вуьйцучу Ми-меймалегахула а тосур ду оха сан дийцарш…, аьлча а, тхайн тоьллачех яздархочун дийцарш. (Ладуг1ий) 1одика… шун а… Маршалла… соьгара… шайн коьрта редахторе а, зудчуьнга… берашка… (Телефон охьаюьллуш, ша-шега реза воцуш). Хьажахьа, со цхьа-ши дош аьлла а валале охьакхоьсси-кх оцу г1амо и телепо! (Ойлане волуш). Дийцарш… Х1инца-м сан дийцарш пачхьалкхан коьртачу литжурналехь зорбане девр дара! Сан ц1е евзира ю х1инца Россе пачхьалкхан йист йоцучу массо а ме11ехь! Россехь вевзина а 1ийр вац, массо а дуьненчохь вевзира ву со! Пушкинан, Лермонтован, Толстойн а санна… лаккхарчу мог1анашкахь лаьтташ товш хир ю сан ц1е а! Э-х1е-е! Пушкин, ларлуш хир ву-кх хьо! Д1ата1алахь цхьажимма со ву хьуна вог1уш, Мусоста! Мусоста! Яздархошна а юккъехь эла Мусоста! (Ц1еххьана дагадог1уш. Не1 йоьллуш аракхойкху) Люся! Ва, Люся! Схьаядалахь сихонца! Х1а-х1? Дита хьайн шадолу г1уллакхаш а! Хьан х1ун г1уллакхаш хир дара цигахь! Схьа ядалахь сихха, дукхаяхарг! (Не1 д1акъовлуш вухавоьрзу).
Лисберг. (Тухленаш екаш хеза не1арна арахьа. Кестта ша а гучуйолу, не1 йоьллуш. Коьртахь йовлакхан аса, готта коч, лекха к1ажош т1ехь тухленаш) Х1ун боху ахьа, сэр, эла-редактор?
Мусост. Ой, хьо Дала д1аэцарг, адмийн маттахь йист хила мегаш яц хьо?
Лисберг. Ахьа даима а со Инетана чуяьлла йоллуш хи чуьра ч1ара санна озайой схьайоккху-кх со!
Мусост. Х1инццалца-м компьютер чохь хуьлуш ма яра хьо, х1инца кхин х1ун Джинет карийна хьуна чуялан?
Лисберг. Чатехь хьеший гулбина йоллура со-м.
Мусост. Люся!
Лисберг. Х1ун боху?
Мусост. Оцу чёртехь а ца гулбеш, шайн ц1ахь гулбехьа и хьеший!
Лисберг. Ой, ас ц1ахь муха гулбо дерриг дуьнера хьеший!
Мусост. И хьан г1уллакх ду! Хьуна ца хууш а и дагадаг1ахь, дерриг дуьне а шайн ц1а дерзор долуш-м яра хьо! Х1ан, дитал и эрна хабарш. Вайна хаза кхаъ кхаьчна.
Лисберг. (Самукъадолуш) Эх1! Хенахь-м ца кхечи и кхаъ. Мелла т1етухуш ду и?
Мусост. И бохург х1ун ду? Х1у ю ахьа т1етухуш ю бохург?
Лисберг. Муха х1ун? Хаза кхаъ кхаьчна ца боху ахьа? Алапа ду-кх!
Мусост. Ванах, Люся, оцу ахчанах ахьа х1ун до? Масех болх бу ахьа беш, нахана цхьаъ а ца кхочуш. Х1етта а тоьуш а дац хьуна и ахча.
Лисберг. Нахана дуьне даан ца хаьа. Хьаькимаш бовза беза, бовзарх а ца тоьу. Царнна кера х1ума кховдон хаа деза. Хьаькимаша болх боцуш ца вуьту шайна кисна х1ума йожош верг.
Мусост. Цо х1ун дуьйцу? Хьо-х яц хьайн кисанара кепек хьаькимана хьов, хьайн да леш валлахь, цунна а лур йолуш.
Лисберг. Сан сайн кеп ю оцу г1улкхана. Шедевраш язъйо шаьш бохуш кехаташ бехдеш дукха хьаькимаш бу, церан и «ц1ога доцу шедевраш» нахала яхар ч1ог1а ахчане болх хилла. (Мусост ша аьллачух кхета г1ерташ ойла еш а гой, куьйг ластош) Цунна-м т1аьхьа кхуьур вацара хьо. Иза дитахь. Мелла т1етухуш ду вайна алапа?
Мусост. Х1ан-х1а, алапа т1етухуш дац вайна. Кхинарг бу кхаъ.
Лисберг. Кхинарг-м кхаъ бацара, алапа т1етухуш дацахь.
Мусост. Люся. Хьо сан г1оьнча ю, амма со хьайга маре веъча санна хьайна луург бен деш яц-кх хьо! Вай делора ю ас хьо балхара д1айоккхур!
Лисберг. Хьан сийлалла, муьлхачу балхара йоккху ахьа со д1а? Сан и белхаш кхоъ-биъ ма бу?
Мусост. Ахь со дош ала вуьтуш вац. Со вер ву д1а х1ара болх шуна массарна а битина!
Лисберг. Ас-м олийта дош! Айхьа яздеш долу дийцарш санна ду-кх, ахьа олуш долу дош а. Алахьа, ч1ог1а а воллу хьо-м!
Мусост. Со кестта Москох-г1алахь нахалла вер волуш ву-кх.
Лисберг. Х1инца цигахь а бале валан воллу-кх хьо нахана.
Мусост. Бале-м вер вац, амма Пушкинан улло д1анисвалан дагахь-м ву со.
Лисберг. (Къинхетаме хьожуш). Муха? Хьо х1инца а къена ма вац. Хьайн зуда а, бераш а дитина… тхо а дитина д1авалан воллу хьо? Иза-м вон кхаъ ма бу! Ва-а, ах1и-и-и!( йелхан йолало).
Мусост. (Шегара мерах хьокху йовлакх кховдош) Люся… Лю-ю-ся! Ахь х1ун до, 1овдал! Иштта атта сох к1елхьара-м хьаха ца довлу шу. Сан дийцарш ду Москох-г1аларчу уггаре коьрта литжурнале д1адоьхуш. Со кестта Пушкин санна вевзаш хир ву, бохург дай сан-м и! Люся-я!
Лисберг. Со-м 1овдал хила а мега, амма Пушкинас нохчийн маттахь яздеш хиллий ца хиина суна-м х1инццалца.
Мусост. (Д1а, схьа а хьожуш, Люсина улло воьдуш) Люся!
Лисберг. Х1ун боху ахьа?
Мусост. Пушкинас нохчийн маттахь яздеш хиллий муха хиина хьуна?
Лисберг. Хьо Пушкинан улло д1нисвала г1ертадела хиина-кх. Хьо-м ма вац нохчийн маттахь бен яздан хууш.
Мусост. Бакъ лоь хьо, Люся. Цундела сан иттех дийцар кханалера де т1екхачале оьрсийн матта гочдан деза.
Лисберг. Иттех стенна деш ду гоч?
Мусост. Москохарчу коьрта литжурналехь зорба тохийта.
Лисберг. Ахь айхьа куьйгалла дечу «Вайдаха» литжурнале хьайна ма луъъу хьайн дийцарш зорбане дахарх, москохахь а иттех дийцар цхьана номерехь зорбане дохур ду моьтту хьуна?
Мусост. Э-э-х1! Уьш а хьаха бара сан куьйга к1елахь хила безаш! Ткъа масс дийцар дахьийта аса Москох?
Лисберг. Ахьа хьайнарш а доцуш, кхечу яздархойн дийцарш «Вайдаха» литжурналана т1е дукха тухий? Иштта тухург хир ду-кх Москохахь хьайнарш а.
Мусост. Сан произведенеш классика хир йолуш ю! Соьга кхочуш яздан 1емичхьана сайн журнале дохура ду аса оцу, яздархой ду шаьш, бохуш эрна кехат бехдеш болчу нехан дийцарш а!
Лисберг. Хьан произведенеш хестош статьяш язъеш со цхьаъ йоцург кхин стагга а хаавеллий хьуна? И ду-кх ахьа суна олуш долу баркал! Суна алапа т1е маца тухур долуш ду алахьа цулла а!
Мусост. Люська! Люся! Ахь х1ун до ц1ингаш кхуьйссуш. Хьо-х вайн нохчийн къоман уггар а тоьллачех критик ю, массарна а бале яьлла! Т1ехула т1е, аса тухуш ма дац алапа т1е. «Вайдаха» литжурнал республикан културан министерствос ахча луш арахоьцуш ма ду. Сан сайн долахь ма дац и!
Лисберг. Хьайн долахь дацахь «Сан журнал! Сан журнал!» - бохуш пачхьалкхан журнал сийсаз х1унда до ахь ткъа? Т1етоха суна алпа! Ас кхин язъйийр яц цхьа а статья хьан произведенеш хестош!
Мусост. Люся! (Воьхна д1асахьаьвза) Лисберг, дукхаяхарг, ма ваккхахь со нахала! Ас премиальни ахча яздийр ду хьуна!
Лисберг. (Б1аьргех хи д1адокуху кеп х1оттош) Мегар ду делахь. Виц ма лолахь! (Сонехь кхозучу куьзгана улло йоьдуш, муц1арна т1е басар-пудар хьакха йолало)
Мусост. Лисберг, Люся оцу сан иттех дийцарна х1ун до вай?
Лисберг. (Хьоькхуш долу басар-пудар ца сацош) Иттех ца оьшу. Цхьаъ, ца хуьлчу даьлча, шиъ дийцар г1еххьа хир ду.
Мусост. Эх1, ма харцо ю-кх оцу москохарчу литжурналаша вайна т1ехь латтош ерг. Баттахь цхьа дийцар бен цара зорбане ца даккхахь сан произведенеш маца евзина евра ю Россен йешархошна?
Лисберг. Ахьа хьайн журналана т1етухий кхечу яздархойн произведенеш шарахь цкъа а? Москохара журнала а тухург хир ю-кх хьан произведени иштта цхьана шарахь цкъа.
Мусост. Харцо! (Куьйгашца корта а лоцуш) Харцо!
Лисберг. Вайн республикера кхечу яздархошка а хаийтина диканарш къастош яхьийта езий-те произведенеш Москоха? Вайн къомана юьхь ларош, диканарш харжа езара уьш. Нийсо иштта ларлура яра вайга.
Мусост. Яздархой вайн къомана кхо-виъ бен вац, вуьш ловзарш лелош бу, кепекийн дуьхьа.
Лисберг. Ткъа хьан санна дукха гонорараш ма дац цхьана а яздархочун.
Мусост. Сан произведенеш дика ю!
Лисберг. Кхечу яздархойх къаьсташ, церачул дикалла, пох1малла совдяьлла х1ун произведении ю ахьа язъйина?
Мусост. (Реза воцуш куьйгаш д1аса а дохийтуш) Хьуна хаа деза-кх и, хьо яц сан критик?
Лисберг. Ахь премиальни шай-кай суна язъяллалца-м яц!
Мусост. (Велакъежа) Хьайн киснахь ларахь премиальни! (Велакъажар хадош) Х1ара, Люся, схьакхайкхал со волчу прозин редактор Дошсолтига.
Лисберг. Со кхин оьший хьуна? Инете г1ура яра-кха со.
Мусост. И мила ву Инет? Х1инца а ца г1ахь. Кхин цхьа шо далахь хьо оцу Инета а маре юьгур ю моьттуш-м вац со. (Велакъежа)
Лисберг. Цхьа архаизм ю-кх хьо Мусост. Инет кегийрчу наха Интернетах ма олу.
Мусост. Хьажахь х1окху къеначу йо1стаге а, жималлех яла ца лаьа-кх кхунна а. Хьо цхьанге маре ца яг1ийтахь, сох къа латарна кхерам бу-кх… Х1ара… Люся, ткъа меймал х1ун ю?
Лисберг. И-мейл, электронни почта-а. (Корта ластош д1айоьду)
Дошсолт. (Не1 йоьллуш чувог1у) Де дика хуьйла, Мусост Мусостович. Ахьа кхойкхурий соьга?
Мусост. Дукха вехийла. Х1ара, Дошсолт, хьо оьрсийн маттахь дийцарш яздеш варий?
Дошсолт. Яздеш-м вара со, Мусост Мусостович. Яздар х1ун пайда бу, сан уьш вайн журналан т1е шарахь цкъа бен тухуш-м дац.
Мусост. «Вайдаха» журналан хьалхара дешдакъа «Вай-» хиларх цуьна куьйгалхо-м со цхьаъ вай! Ахьа ас санна дика язъел ахьа хьайн кехатан цуьргаш, т1аккха вай шарахь шозза а журнале йохура ю уьш. Кхин цхьаъ ду! Аса-м хьо цхьана г1улкхана кхайкхина. Сан нохчийн доцца дийцарш шайна тайна боху Москохара уггаре коьртачу журналера накъосташа. Шайна иттех дийцар д1атаса аьлла телпо з1е тоьхна цара соьга амма цхьа-ши дийцар д1атесича а тоьур дара царнна-м.
Дошсолт. Мусост Мусостович, сан кийчча дийцарш ма ду… оьрсийн маттахь яздина а ду уьш.
Мусост. Ахьа х1ун дуьйцу жима стаг! Хьайн берийн дийцарш сайнчаьрца дуста г1ерта хьо? Соьга леррина телпо з1е а тоьхна, иттех дийцар шайна д1атасахьара бохуш дехарш дина цара х1инцца, итт минот хьалха!
Дошсолт. Мусост Мусостович, Москварчу оьрсашна нохчийн маттахь дешан 1емина? Ахьа нохчийн маттахь бен ма ца язйо и хьайн «шедевраш».
Мусост. К1ант-т, хьуна сан журналехь болх бан к1ордийна моьтту суна! (Реза воцуш) Сан ши-кхоъ дийцар сихха оьрсийн матта гочдан деза ахьа!
Дошсолт. Мусост Мусостович, хьан муьлха дийцарш гочде аса оьрсийн матта?
Мусост. Бен а дац хьуна. Шадерш а цхьатерра дара уьш-м. (Ша аьллачух кхеташ нисло). Шадерш а цхьатерра дика! Кхана Москоха д1атасан шиъ дийцар кийча хилийта! Таханенна аса хьайн бан безачу балхах мукъавокуху хьо. (Аравалан д1аволавелла Дошсолт сацош). Т1ебог1учу баттахь хьан цхьаъ дийцар «Вайдаха» журнале доккхур вай. Ледаро-м ду хьан уьш, делахь а…
Дошсолт. (Догдоьхна корта а ластош араволу. Ша-шега) Харц дуьне… харцо!
Мусост. (Дошсолтана т1аьхьа олу) Хьажахьа х1окху лойсакхе а! «Сан дийцарш… сан дийцарш!» - бохуш чуьраваьлла. Ас бийр бу хьан болх-м! Х1окху шарахь сан журналана т1е хьан, дийцарш аьлча а и берийн ловзарш, т1етохарна-м ца кхоьру хьуна со! (Шен кресло чу охьахуу, оцу хенахь телпона горгали бека. Схьаоьцу телпо) Алле! Мусост ладуг1уш ву-кх! (Велакъежа) А-а-а! Хьо яц и сан къоламан йиша? Х1окху баттахь сан дийцарех масса дийцар тоьхна ахьа хьайн «Т1урнене» журналана т1е?
Думалоева. (Телпонан аз ду хезаш. Ша Думалоева гуш яц) Сан журнал хьан дийцаршна диллина ду ламарочуьна хьешан ц1а санна. Ткъа и сан байташ-шедевраш хьан журналана а товра ю моьтту суна.
Мусост. (Телпо т1е куьйг дуьллуш) Хьажахь х1окху маймале а! «Сан шедевраш!» Х1окхуьна байташ-х жана хьалха яьллачу газана саготтала еша а пайдена яц. (Телпо чу) Дера, сан йиша и хьан мах хадон йиш йоцу байташ сан «Вайдаха» журналана ч1ог1а тайна моьттуш ма ву со. Сан белхалой и хьан байташ дагахь 1амош бу-кх кхин дан х1ума а ца карош. Х1ара, сан кхолламан йиша, хьуна хезаний керланаш?
Думалоева. Керланаш-м дукха дара х1окху дуьненчохь, ткъа муьлханарш ду хьуна хезинарш?
Мусост. Суна хезинарг-м кхин даккхийчех а дац. Эцца Москох-г1алара хабар кхаьчнера соьга.
Думалоева. Х1ун хабар ду и? Алий валахь, сан нахана г1арваьлла ваша. Сан байташ истолични литжурналашна т1ехь седарчий санна лепаш ю бохуш-м ца хезна хьуна?
Мусост. (Телпо т1е куьйг а лоцуш) Э-э-э, хьо ялла уьшална чохь, хьан байташ пхьидарчий санна 1аьмнашна чохь екаш товш хир яра. (Телпо т1ера куьйг д1адоккхуш) Нагахь санна Дала мукъалахь, хьан байташ а хир ю 1оьхуш, аьлча а лепаш. Амма суна хезинарг сайн иттех дийцар истолични уггаре а коьртачу литжурнало шен аг1онашна т1ехь нахала даьккхина бохуш ду.
Думалоева. Дера и ах а бакъделахь тамаша бу.
Мусост. Х1унда боху ахьа иштта? Хала-м ца хета хьуна сан дийцарша хьайн байташна ц1ога гайтича?
Думалоева. Ц1ога гайта-м и ц1ога а долуш хилан еза пор-изведенеш.
Мусост. Ц1ога дера дац хьан оцу пхьидийн байтийн, ва ешап!
Думалоева. Хьан дийцарийн ду бохург-м дац хьан и?
Мусост. Ду дера цера-м ц1огарчий лаьттахула текха а текхаш!
Думалоева. Ц1ога вирийн бен ца хуьлу хьуна, сан нахана балеваьлла ваша. Сан байташ дашо санна ц1ена, малх санна къегина, зезаг санна хаза ю. Церан муха хир ду ц1ога! (Йоьлуш хеза) Соьга тахана телпо-з1е а тоьхна Москох-г1алара уггаре а коьртачу литжурналера господаш сайн байташ яийта аьлла шайна. Уьш ч1ог1а хазахетта шайна боху цара. Х1ора баттахь арадолучу журналан лоьмарна т1е а тухур ю шаьш боху уьш.
Мусост. Бакъдериг эра дарий ахьа, сан еза йиша.
Думалоева. Хьоме ю ала а вулий, еза олу-кх ахьа даима, мел еза хета хьуна со?
Мусост. Цхьа центнер ах центнер, мел к1езига лерича а?
Думалоева. Бакъдерг-м ала со Китай а г1ур йолуш яра, сан жима пила.
Мусост. Нохчийн байтахошна юккъера диканарш харжа а харжий, уьш яийта шайна-м ца аьллера хьоьга оцу Москох-г1алара господаша?
Думалоева. (Цецйолуш) Ой, хьуна муха хиира и?
Мусост. Дера ву со, вайшиъ цхьана вирворданахь лам баккха хьалаг1ерташ ду моьттуш.
Думалоева. Хьоьга а-м ца тоьхна оцу Москох-г1алара господаш телпо-з1е?
Мусост. Муха хиира хьуна?
Думалоева. Х1инца а ца хиина суна-м. И-м и дара, ас хьоьга телпо стенна етта хаьий хьуна?
Мусост. Ахьа къухаш а ца кегош схьаалахь хуур ду-кх.
Думалоева. Х1ара хьан т1оьска вар-кх хьоьга хаийта бохуш.
Мусост. Муьстаниг вуьйций ахьа?
Думалоева. Муьстаниг х1унда ву и, Мусит вац и?
Мусост. Муьста а, къаьхьа а шен дийцарш цо яздеш хилча, кхин х1ун эра ду цунах.
Думалоева. Цо иштта муьста язъеш хилча, хьан «Вайдахана» аг1онашна т1ера д1айовлуш а ма яц цуьна и «муьста произведенеш»!
Мусост. Цундела сан шедевраш цуьнан «Т1орказ» журналана т1ера а ма яц д1айовлуш.
Думалоева. Ой, цуьнан журнал пенсионерашна арадовлуш ма ду.
Мусост. Пенсионерашна арадолуш-м дацара и, царнна кхочу-кх.
Думалоева. Царнна муха кхочу и?
Мусост. Дера, Думалоева, пенсионерашна пенси д1алуш а ма дац Муситан «Т1орказ» журнал мел к1езига а цхьана шарана цара шайна яздеш дацахь!
Думалоева. Эх1, и ма дика деъна дага ду! Дера деза аса сайн думалелорхошна а изза дезар дан!
Мусост. Госдумалелорхой-м бац ахьа буьйцурш?
Думалоева. Шайн думалелорхой бара уьш-м, сан «Т1урнене» журналан дешархой.
Мусост. Ткъа сан т1ёскас х1ун ала аьллера хьоьга?
Думалоева. Вайга кхаанге а вовшахкхетийта бохуш вара и.
Мусост. Стенна?
Думалоева. Вайн къам дуьненчуьра дайна д1адолуш лаьтта боху цо. И оцу кхерамах к1елхьара даккха некъ хаа шена боху.
Мусост. Вайн къам вай ду-кх. Къоман юьхь а, сий а, лийрдоцурш а!
Думалоева. Ой, и х1ун ду ахьа вайна дуьйцург. Бюрократаш ду вай?
Мусост. Вай х1унда ду бюрократаш?
Думалоева. Лийрбоцурш бюрократех, взяточникех, чиновникех олу-кх наха!
Мусост. Ванах, оцу Муьстачун х1инца дагадеънарг х1ун ду техьа?
Думалоева. Ца хаьа суна-м. Маца вовшахкхета вай?
Мусост. Со цкъачунна ч1ог1а сиха воллуш ву. Сайн керла йолийна шедевр а ю сан чекхяккха езаш. Москох-г1ала д1аяхьийта материал а ю кечъян езаш… и г1уллакхаш чекхдаьлча эр ду аса.
Думалоева. Къоман дуьхьа х1уъу а дина а цхьаъ дан декхарийлахь дац вай? Билггал маца чекхдер долуш ду хьан и г1уллакхаш?
Мусост. Мегар ду. Цхьа ах сахьт даьлча кийча хир ву со.
Думалоева. Ткъа мичхьа вовшахкхета вай?
Мусост. Со волучохь!
Думалоева. Хьо волучохь х1унда гулло вай? Хьо кхин паччахьан лерг даьккхинарг-м вац?
Мусост. Лерг-м ца даьккхина аса, амма вайна юккъехь сайн кхолларалла ондуо хеташ ву-кх со.
Думалоева. Ву хьан да хьакха юуш воллийла! Сан кхоллараллийга хьаьжича хьо ванне а вац-кх!
Мусост. Мегар ду делахь. Хьо йолучохь вовшахкхетар ду вай. Суна муьлха кофе хила еза а хаьа хьуна, муха даарш хила деза а хаьа…
Думалоева. Хьо волучохь!
Мусост. Х1ун, «хьо волучохь»?
Думалоева. Хьо волучохь вовшахкхетар ду вай.


                2 – сурт
(Мусост ву шен кабинетана чохь цхьаъ язъеш 1аш. Чухьожу Лисберг.)

Лисберг. Шеф…(корта не1арах ара а хьажабой) аьлча а, Мусост Мусостович, вайга бог1уш хьеший бу-кх.
Мусост. (Корта ца ойбуш) Со мукъа вац!
Лисберг. Уьш беза хьеший бу!
Мусост. Муьлш? Министерствора-м бац уьш?
Лисберг. Бац. Хьан яздархойн вежарий-йижарий бу-кх.
Мусост. Со мукъа…(Оцу хенахь не1йоьллуш гучубовлу Муситий, Думалоевий)
Со мукъа вац…мукъа ву-кх сан дукхабезаш болу хьеший т1еэца. Маьрша дог1ийла шу! Т1аккха, могуш-маьрша 1аш дуй шу?
Мусит. Салам 1алайкум, коллега!
Мусост. Ва1алайкум…салам…охьаховшал, сехьадовлал.
Думалоева. Мусост, суна муьлха кофе еза, муьлха даарш деза хуу хир ду-кх хьуна!
Мусост. Х1а? Х1у? А-а, хаьа дера.
Думалоева. Хьошала дер-кх ахьа т1аккха!
Мусост. Лисберг, хьажал цига чай вовшахтохал вайн хьешашна.
Лисберг. (Резайоцуш хичаш а йой арайолу)
Мусост. Т1аккха, коллегаш, х1ун ду вайн нохчийн прозан, поэзин аренашкахь.
Думалоева. Вайшимма телпо чухула дийцанчул т1екхетта х1ума дац.
Мусит. Лерамен коллега Мусост, сийсара наб йина яц аса-м.
Мусост. Ой, и х1ун ду? Хьан декхар ма ду буьйсана сахиллалц байташ, дийцараш, романаш язъяр! Сийсара билггал цхьа шедевр язъйина-кх хьуна ахьа! Дийцал!
Мусит. Хьан-х1а, сийсара со охьа ма вижжинехь, цхьа тамашена г1ан гина самаиккхира со. Цул т1аьхьа кхин, со валарх, наб а ца кхийти суна!
Думалоева. (Цецйолуш) Ой, Мусит, соьга ма ца дийцира ахьа и…
Мусост. Собардехьа Думалоева, уггар интересный меттехь юкъах а ца вохуш. Т1аккха, х1ун г1ан гира хьуна?
Мусит. Дера гира…(д1аса а хьожий, п1елг ирх а бохийтуш) дера гира вещий г1ан!
Мусост. Муьстнаг, ма ийзадехьа суна чуьра са хьала. Валахь дийций!
Думалоева. (Бага а г1аьттина ладуг1у. Мусостана т1ечевха) Мусост, ма лелхахь юкъа!
Мусит. Со вара, даима а санна, сийначу байт1ехь, тхайн бешахь, зазаша охкийначу гаьннашна юккъехь.
Мусост. Т1аккха…
Мусит. Со цхьа хаза декачу зарзар-хьозанан эшарца сайн байт д1анисъян г1ерташ воллура.
Мусост. Т1аккха…
Мусит. Оцу хенахь стиглара воьссина я лаьтта бухара вели ца хууш цхьа воккха стаг т1ех1оьттира суна. Цуьнан шурула к1айн маж доьхкана т1ехь кхозучу детин варкъ даьккхинчу шаьлтана мукъ къевлабоккхуш яра.
Мусост. Т1аккха…
Мусит. Наьрт-Эрстхо санна онда дег1 долуш вара и. Нохчийн халкъан синг1арол ву ша элира цо соьга. Вайнах шайн ницкъа кхачийна к1елабуьсур бу, нагахь санна церан уггар а тоьллачех болчу оьздачу къонахаша Литартор олуш еза ц1е йолу турпала дин лаьмнашна буьххье а баьккхина, цунна шарахь яъъал ломан буьххьера буц ца хьакхахь, мангалшца, шайн куьйга.
Мусост. Вайна стенгара бер бу Литертор олуш болу турпала дин?
Мусит. И турпала дин вайн г1алахь урамашкахула болабелла лелаш хуьлу элира цо. И лаха беза цкъа хьалха. Уггар халаниг: и турпала дин адаман б1аьргана ган йиш йолуш бац!
Думалоева. Ткъа ас х1ун леладо кхузахь, шуна юккъехь? Цигахь оьшуш берш оьзда къонахой ма бу, ткъа со, шуна ма хаъара, зуда ю!
Мусост. Цундела хира бу-кх шаболу къонахий хьох озалуш.
Думалоева. Уьш муха бу сох озалуш?
Мусост. Хьан «Т1урнене» журналехь цхьа а къонахчуьна произведени ма яц арайолуш!
Думалоева. Къонахийнарш арайолу, ткъа мичхьа бу уьш?
Мусост. Со ву-кх кхуззахь…
Думалоева. Муха хиира хьуна и?
Мусост. Сайнарш бен произведенеш хьан журналана т1ехь арайолуш ца хиларна хиира-кх.
Думалоева. Сайнарш хьан журналана т1ехь а йовлу наг-наггахь гучу.
Мусит. Оцу дезчу хьайн пох1малло (ерстинчу зудчуьнга леррина хьожуш) язъйина йолу лерамен, сан йиша, хьо тхоьца ца хилахь, тхуна и туьйранахь бийцина дин карор бац.
Думалоева. Х1унда, сан чамхалг-ваша?
Мусит. (Ца вешаш Мусосте а хьожуш) Хьуна бен вайн яздархошна юккъехь къонах карийна ца хилча, и турпала дин а хьуна бен карор бац.
Думалоева. Ванах, и вайн «Зорбанан ц1енна» уьйченашкахула лелаш хааелла бохуш йолу б1арлаг1а и турпала Литертор олуш болу динна-м бац техьа?
(Массо а не1арехьа, уьйчен аг1ора д1ахьовсу. Оцу хенахь не1 ша-шаха схьаеллало. Говран тарсар хеза)
Мусост. Турпала дин!
Думалаева. Литертор!
Мусит. И дин лифтана чубала кхиале схьалаца беза вай!
(Вовшен д1аса а туьттуш аралелха. Йиллина йолчу не1арехьара аьзнаш ду схьахезаш)
Мусост. Х1оккхуза сонехь бу шуна!
Думалоева. Гуобелаш цунна, к1ентий! Т1екхета, д1а ма бахийта!
Мусит. Суна-м ца го х1умма а!
Думалоева. Гуо бе! Х1ун деш лаьтта хьо, кисина ши куьйг а доьллина!
Мусит. Соьга х1ун де боху техьа ахьа, фельдмаршал Къудузов!
Мусост. Ахьа х1ун Къудузов вуьйцу?
Мусит. Наполеоне дог дог1уш хилларг вац!
Думалоева. Э-э, хьо валла миччхьа а! Дог дог1уш ца хилла и цуьнга, цхьа б1аьрг ца хилла! Наполеон шен эскар кхоьссина а дитина х1унда ведда хилла моьтту хьуна? Фельдмаршал пират ву моьттуш!
Мусост. И шун аьшпаш д1ахазахь, Литертор-дин-м д1аг1ур бу цец а баьлла.
Думалоева. Мичхьа бу и?
Мусост. Оцу сонехь тебина бу моьтту суна и.
Думалоева. Делахь гуо бел. Хьо аьтто аг1ора вала, ткъа хьо аьрро аг1ора, со юккъехь хир ю! Т1екхета! Схьалаца!
Мусост. Леци! Ас леци! Г1о де суна! Г1о-о!
Думалоева. Аса а лаьцна! Муьстнаг, хьуна х1умма а кера еъний?
Мусит. Суна-м ца хаьа, сайна х1умма а кера еъна я ца еъна.
Мусост. Муьстнаг! Схьалаца х1ара цхьа ког! Х1окхо ц1ингаш кхуьйсуш ницкъа бо суна! Лаьцний ахьа?
Мусит. Лаьцна. Ма стомма ког а бу оцу динан!
Думалоева. Д1ахеца сан куь-уь-йг!
Мусит. Ва устаз, орцаха!..
Мусост. И суна мийра тоьхнарг мила вара!
Мусит. Ца хаьа суна-м, амма ласта-м суна бина бара моьттуш ву со и.
Мусост. Думалоева, т1аккхахула и мийра айхьа хьажийначунна тоха хьажалахь, пожаласта! Х1ан, ладог1ал соьга, аса хьалхара озабо шуна, аша т1аьхьара татта!
(Кхоь а гучудолу. Хьалха ваьлла вог1уш Мусост ву, динан юьхь лаьцна кеп х1оттош, т1аьхьадог1уш Думалоевий, Муситий ду, дин туьтту кеп х1иттош)
Мусост. Тпр-р-р! Сацае вайн бекъа!
(Муситас, Думалоевас шаьш к1адделла кеп х1иттайо)
Мусит. (Хьацар д1ахьокху кеп а йой, т1аккха леррина Мусостига хьожу)
Мусост. (Архаш лаьцна лаьтташ санна куьйгаш а лаьцна лаьтта)
Мусит. Сан доттаг1, и ахьа лаьцнарш х1ун ю?
Мусост. (Ца вешаш) И бохург х1ун ду? Архаш ю-кх…(Д1аса а хьожий) аьлча а лергаш!
Думалоева. (Цхьана х1уманах шекъяьлла Мусостан куьйгашка хьожуш ю)
Мусит. Сан нахана г1арваьлла ваша, и лергаш деха-м ца хета хьуна оцу говрана?
Мусост. Хилча х1ун ду? Х1ара-м Турпал дин бай!
Думалоева. Ванах, коллега, и Турпал дин говрал а мелла а лоха болуш санна-м ца хета хьуна?
Мусост. Аша х1ун дуьйцу? (Ша а шекволу) Х1а-х1? Турп-п-пал в-в-вир?
Мусит. Деллахь нохчашна ца кхаьчна хьанна кхочур бара ишттанехьа х1ара санна болу Литертор-дин?
Мусост. Х1ара болх нахана тусабалале, новкъара д1абаккха беза вай х1ара дин-вира.
Мусит. Вай массалг1ачу г1атана т1ехь ду?
Думалоева. Дала доьг1начунах к1елхьара валалур вац! Вайна т1аьхь ду х1ара дукъ! Вай дац къомана уггар тоьллачех долу яздархой! «Нохчийн халкъан яздархой»!
Мусит. Суна хаьаара х1ара иштта чекхдер дуй.
Мусост. Ма воха, сан ваша, хьан ворхх1е да а ца лелла х1ара санна долу вир а кхочуш!
Думалоева. Вайх терра бу-кх вайн дин а!
Мусит. Бан а бу хьуна ша ма-барра Литертор-дин.
Мусост. И-м и дара, вай лома даха кечдалан деза.
Мусит. Мусост, и ши лерг д1ахеца-м ца лаьа хьуна?
Мусост. Ас х1орш д1ахецахь х1ара бодура бу, аьлча а додур ду, т1аккха вай нахала девра ду.
Мусит. И Литертор-дин цхьанхьа д1абихкича х1ун хир дара техьа?
Мусост. Нийса боху ахьа и-м. (Мохь туху) Люся, ва Люся! Схьакхайкхал Дошсолтига сихонца!
Лисберг. (Гучуйолу. Цецйолий Мусостига хьоьжуш лаьтта)
Мусост. 1адийча санна суна т1ейог1аелла а ца лаьтташ, схьакхайкха сихонца  Дошсолтига. Кхуза чу стагга а ма ваийталахь, вай лелош дериг нахана хоитийла дац. (Кхин дош ца алалуш арайолу)
Дошсолт. (Гучуволу. Лисберг санна цецволий хьоьжуш лаьтта)
Мусост. Х1ара, Дошсолт, хезий хьуна?
Дошсолт. (Ца хеза)
Мусост. Мусит, и тентаг метта валавехьа.
Мусит. (Улло воьдий муьшка йо)
Дошсолт. Х1а-х1, Х1у?
Мусост. Схьавоьл улло!
Дошсолт (Улло воьду)
Мусост. Хьажал, к1ант, сихонца г1ой, вир д1адехка, аьлча а етт д1абехкал хир болуш муш а ба вайна. Цкъа вирана, аьлча а аттана хьалха йиллал йол а я вайна. Кхийтарий хьо?
Дошсолт. Кхийтира… ца…ца кхийтира.
Мусит. (Улло воьдий т1ехула куьйг а доккхуш) Муш – 2,5 метр, йолл – цхьа мор-р!
Дошсолт. (Корта ластабо, ца кхетар гойтуш) Кхийтира. (Д1авоьду)
Мусост. Муьстаниг, схьаволахь, ахьа схьалацахь х1ара ши лерг. Аса жимма садо1ур дара. Т1ехула т1е, сайн белхалошна хьалха юьхь1аьржа а ву со иштта лаьтташ гича.
Мусит. Ма хаар суна, и вир т1аьххьара сайн кочадог1ур дуй!
Мусост. Х1ара-м цхьана хенахь боккъал а Турпала дин хилла хила а мегий. Вайн халкъан бартакхоларалла кхиъна даьлла зезаг санна хьекъна долчу хенахь. Вайн къомо керла йоза кхуллучу хенахь а дин хилла леллачух тера ду х1ара.
Мусит. «Керла йоза кхуллучу хенахь» бохург х1ун ду хьан, коллега?
Мусост. Вайн нохчийн къоман шен йоза хилла ширачу хенашкахь а. Цунна тешалла ду Урарту пачхьалкх лаьттинчохь карийна долу поппарийн йоза. Нохчийн, г1алг1айн х1инцалерачу маттахь деша а, кхета таро йолуш ду и.
Мусит. Йоза, и нагахь санна хиллехь, дайна д1адала йиш йолуш ду ткъа?
Мусост. Нохчийн къам мостаг1аша дукхаза х1аллакдина дуьненчуьра д1адоккхучу хьолехь хилла. Дукха къаьмнаш ишттачу хьолана т1екхаьчча дуьненчуьра дайна д1адаьлла меттигаш ю. Вайн къам йоза дайина а дика дисина, т1екхаьчначу хьолашка хьаьжича.
Мусит. Со кхийти х1инца х1окху Литертор-динах вир стенна хилла.
Мусост. Стенна?
Мусит. Иштта д1адодахь, кестта х1окху мацаллехь сох а хила мегаш ма ду вир.
Думалоева. И бохург х1ун ду… хила мега?
Мусит. (Куьзгана улло воьдий леррина ша-шега хьожу) Х1инца а ца хилла, Далла бу хастам!
Думалоева. Хьо дикка хьаьжарий техьа хьайга? Дера хьо хьуна айхь-хьайна ч1ог1а дукхавезачух тера ду.
Мусост. (Виро д1асатуху) Ва, орц…Д1алацийша х1ара вир цхьаммо!
Думалоева. (Мусост тергал ца веш) Оцу Литертор-динах вир х1унда хилла бохура ахьа?
Мусит. Дера ду х1окху Яздархойн ц1а чохь а, вайн литжурналийн редакцийн хотешкахь а цунна даа докъар делахь а, вир ца даллал!
Мусост. Х1ара вир аьлча а, пилл д1алацийша цхьаммо!
Думалоева. И хьан хьаша ду, айхьа лаца ахьа и д1а. Цунна муьлха кофе еза а хьажа, даар-малар муьлханиг дуур дара а хьажа цо.
          (Буйнахь муш а, йол а йолуш чувог1у Дошсолт)
Дошсолт. Мусост Му… эла Мус…
Мусост. Х1окху виро сан элалла дожийна далале, г1о де суна ахьа мукъана а!
Дошсолт. Х1ун де аса Мусост Мусостович?
Мусост. Схьаба сихонца хьайгара муш! (Виро йоллана т1еозаво) Схьая цкъа хьалха йол. Х1окхо йол юушшехь, коча муш тосур бу вай х1окхунна.
Дошсолт. (Т1евоьдий вирана соне йол охьаюьллу. Вирана коча муш тосу кеп а йой, муьшан юьхьиг д1айоьхку батарейах)
Мусост. (Парг1атволуш, шен бедаршна т1е куьйг а тухуш, шен кресло т1е охьахуу. Мусит а, Думалоева а охьахуу) Х1а-х1ане, накъостий, Турпал-вир а долуш ду… аьлча а Литертор-дин а болуш бу. Вайн нохчийн прозин а, поэзин а тоьллачех векалаш а болуш бу. Вай х1инца сихонца кечам а бина, оцу нохчийн лаьмнашка хьалаг1орта деза. Цхьа дика, буц хьокху хан а т1екхаьчна вайна.
Мусит. Х1уъа а делахь а, цхьа х1ума т1еоьшуш санна хета суна-м.
Думалоева. Сан кечам алсамо бан беза.
Мусост. Эцца басар-пудар схьаэцчахьана тоьур дац хьуна?
Думалоева. Дац.
Мусост. Хьо Концертана зале яха кечъяла г1ерташ-м яц?
Думалоева. Яц. Делахь а, хьанна хаьа лаьмнашкахь ловзарга кхочий а. Ламанхой х1инца а нохчийн г1иллакхаш шайца дисина бу боху. Хьеший а дика т1еоьцу боху цара, синкъерам а х1оттабо боху.
Мусит. Со а ву цхьацца кечам бан безаш.
Мусост. Цо х1ун йуьйцу? Хьа-х дац дека а, диса а.
Мусит. (Ойла еш) Бухит т1еоьшу! Со сайн тешамен накъост Бухит воцуш новкъа вера волуш вац!
Мусост. Хьан байташ хестош статейкаш язъеш верг-м вац и?
Мусит. Вац! Оцуьнга кхочуш критик а, аналитик а, стихаш язъеш г1оьнча а вац х1окху йоккхачу Нохчийнчохь! 
Мусост. Сан Люся йицъелла хьуна? Цунна д1а ма хазийталахь и. Дера ву хьо цо човхора ша и бабас къанделла цициг санна.
Мусит. Люся прозехь болх беш ю, ткъа сан Бухит поэзин ж1аьла диина ву.
Мусост. Корейца-м вац хьан и?
Думалоева. Собардел цкъа! Сан Ц1уналоева, сан Ц1уня йицъелла шуна? Сан Санча-Панса!
Мусит. Ц1е Ц1уня елахь а, «Дума-м» и ю моьтту суна шун тондемехь.
Думалоева. (Реза йоцуш хьалаайбало)
Мусост. (Дов юкъах доккхуш юкъаг1урту) Дера Ц1уналоева ца хилчи, Думалоевас лаьмнашкахь керла байт а язъйийр ма яц!
Думалоева. (Муситана оьг1азъяхар дицлой, Мусостана чуг1урту) Сан байтийн автор со яц ала-м ца г1ерта хьо?! (Стелахаьштиг туху арахь)
Мусост. (Дуьхьала куьйгаш лоцуш) Дера Ц1уналоева ца хилчи лаьмнашкахь Стелас хаьштиг а тухур ма дац.
Мусит. Собардел цкъа, накъостий, шун Люсий Ц1уняй мангал хьакха хууш юй?
Думалоева. Йиша лакха-м хаьа сан Ц1уняна.
Мусост. Сан Люсяна сан дийцараш хастош статьяш язъя а хаьа.
Мусит. Коллега, ткъа мангал хьан хьокхур бу лаьмнашкахь?
Мусост. (Дошсолтига д1ахьожу) Суна а ца хаьа мангал хьакха.
Мусит. Дера мангал хьакха санна хаьа моьттуш ма ву со вайна вайн «шедевраш» язъян а.
Дошсолт. Пох1малла шеца долчу стеган и пох1малла массо а х1умана т1ехь хуьлу боху. (Ша-шега) Со хьалха ца ваьлча, мацалла ма лахьара шу. Сан хан т1екхаьчна моьттуш ву со х1инца. (Массаьрга) Мангал аса хьокхур бу!
Мусост. (Велакъежа) Дика хир ду! Ч1ог1а дика хир ду!
Мусит. Ткъа лаьмнашка хьала стенна т1ехь г1ур ду вай?
Мусост. (Думалоевага хьожу) Г1аш-м дахалур дац.
Мусит. Вайн Литертор-дин ма бу, вайга массаьрга а ца сацалуш. Цунна т1е а хевшина г1ур ду-кх.
Мусост. (Думалоевага хьожу) Ткъа бисинарш стенна т1ехь г1ура бу?
Мусит. (Куьйга корта лаьцна жимма ойла йой) Дагадеара суна!
Мусост. (Семаладуг1у)
Думалоева. (Цхьа деганйовхо хаалой хьожу Муситига)
Мусит. (Велакъажаран кеп х1оттош) Ворда!
Мусост. Вордана т1е-м Думалоева т1ехиича а жимма меттиг бисан мега.
Думалоева. (Реза йоцуш хьожу) И хьайн ира мотт ахьа хьайн декъазачу дийцарашна т1ехь ирбахьара.
Мусит. Ткъа вайн къона яздархой стенга ховшор бу вай?
Мусост. Уьш-м г1аш бог1ур бара! «Боливара шиъ ловра вац!»
Думалоева. Литертор-дин кхоон беза, цуьнга а текхалур бац лаьмнашка Халкъан сийлахьа базбина яздархой бен!
Дошсолта. И нохчийн сийлахьа дин-м вай д1аийзон безаш бара! И дин маьрша хилача ма сиха чу садеъна, т1емаш а девлла дуьненна т1ехула хьаьвзира бара!
Мусост. Хьажал кхуза, Санча-Панса, аьлча а Дош-Панса, сан тешаме къоламларбархо, ахьа дуьйцуш долу 1есах1уманаш нахана ма хазийталахь!
Дошсолта. Х1аъ, мегар ду. Нахана хозийтур дац, шу-м царах хирг хир ма дац.
Думалоева. Вай хьанах хир дац боху цо? Цо х1ун дуьйцу?
Мусост. 1иттарш ян-м ваьхьара вацара и сох. Амма наггахь со-суо а вуьсу цо дуьйцачух кхета а ца кхетий. Нохчийн критикан коьрта испециалист елахь а, сан Люся а ца кхета, цо шен дийцаршна т1ехь кхуллучу философех. Со-м хаъъал цунах озалуш а дера ву хьуна, нахана ца хаийтахь а. Редакцера эккхийна дукха хан хир яра ас и жима стаг, и ца хилча йиш яц-кх. Аса кхаа баттахь хала Делан балийца яздина долу дийцар, цхьана буса басе а даладой, гочдан дезахь оьрсийн, ингалсийн, немцойн, паранцин матта гоч а дой д1анисдо оцу в(уо)ндаркиндо.
Мусит. Накъостий, шуна цхьанне а хаьий ворда мичхьа карор яра?
Мусост. Тхуна стенах хаьа и! Хьо ву-кх ворда оьшу аьлларг. Хьуна карон еза-кх и.
Дошсолта. Суна карор ю ворда а, и-м хала доцург ду! Тхан дендайх йисина туьйранех юьззина ворда ю тхан раг1у келахь лаьтташ.
Мусост. Ткъа новкъа маца довлу вай? Цхьа ч1аг1о ян еза вай, д1асакъастале.
Думалоева. Са-м цхьана-шина дийнахь кечам бан беза, мел к1еззига а.
Мусост. Цхьа де! Таханлераниг!
Думалоева. Таханалераниг а, кханалераниг а!
Мусит. Хан к1езига ю вайн, накъостий. Вай йолхьокхучу хенахь ца кхиахь, вайн вир вир хилла юьсур ю.
Мусост. И бохург х1ун ду, «вир хилла юьсур ю»?
Мусит. Суна х1инцций бен дага ца деира г1енаха воккхачу стага сайга аьлларг. Вайн вирах т1емаш долуш туьйранахь бийцина Турпал-дин хир бу элира цо, нагахь санна вай цунна тоъъал йол хьакхахь. И йол вай йолхьокхучу хенал т1ех ца довлуш хьакха езаш а ю. Цундела ю вайн к1езига хан. Кхана сатосучу хенахь вай новкъадовла дезар ду.
Думалоева. Со т1аьхьайог1ур ю шуна.
Мусост. Г1ашший?
Думалоева. Ма хьийзайо-кх аша со. Ма суна оьшуш дацар-кх и Литертор-дин кхабар. Со суо хьан кхобура ю а ца хууш 1аш яр-кх. 
Мусит. Атта ду моьтту хьуна «Халкъан яздархо» ц1е лелон?
Думалоева. Мегар ду делахь. Амма со 1уьйрана итт даллалца хьала-м г1атталур яц.
Мусит. 1уьйрана ялх даьлча тхо новкъадовлу. Хьо тхоьца яг1ахь, г1алана коьртачу майданахь хир ю-кх хьо.
Думалоева. Диктатор, узурпатор!
Мусост. Со-м д1а а вуьжур вац. Д1авижахь со-м вац оцу хенахь сама а вер. (Вир лаьттачу соне хьожу) Собардеша цкъа, х1ара сан хьаша стенга хьо вай?
Думалоева. Хьан хьаша ду-кх и…
Дошсолта. Аса тхайн ц1а дуьгур ду и? Цигара 1уьйрана аса ворданах д1а а доьжна г1алара коьртачу майдане схьадалор ду. Буьйса а тхайн раг1уна к1елахь йоккхийтура ю. Хьанна хаьа буьйсана дог1а дог1у ца дог1у а. Сийна буц а лур ю аса кхунна, шовдана хи а малор ду.
Мусост. Дала вахаве хьо дукха! И вир хьайна дитича х1ун дара техьа ахьа!
Дошсолт. (Вирана улло воьдий муш схьа а бостий, вирана вортанах а бостий, караоьцу и) Литертор-дин, бало соьца! Сан хьаша хир бу хьо тахана-тховса! 1одика йойла шун! Кхана 1уьйрана ялх сахьт даьлча тхо шуьга хьоьжуш хир ду шуна! (Дошсолтийна т1аьхьах1оьттиначу виран бергийн тата хеза. Дошсолта шен вираца ара а волий, д1авоьду)
Мусост. (Ч1ог1а реза волуш) Г1о делахь, шаьш кхин ца 1ахь. 1одика… Дала шун а йойла!
Мусит. Х1ара, Мусост, со а воьду. Сайн г1оьнче, Бухите а кхаъ баккхан беза, вай лаьмнашка доьлхуш ду аьлла. Арахь самукъадолуш ву и ч1ог1а. Шашлык а, кемси-молха а цигахь санна мерза ца хуьлу олу цо кест-кестта. Ма байташ йоьшу цуо шашлык кхаьллина ша ваьлча, б1аьргех хин цинц а кхуссийтуш.
Мусост. Хьан байташший?
Мусит. Х1ан-х1а, шенарш йоьшу-кх. Сайнарш-м сан журналана т1ехь арахецан, гонорар эцан бен пайдена а яцара.
Думалоева. Со а йоьду т1аккха. Аса а баккхий сайн Ц1уняга кхаъ. Ма самукъа дера ду цуьнан. Редакцера ядан Къилбаседана полюсе а г1ур йолуш ю и. Лаьмнашка г1аш яхан еза эра дац аса цуьнга, и хаахь редакцехь 1ен а реза хир ю и. Адъю, к1ентий!
(Муситий, Думалоевий не1арах арадолий д1адоьду)
Мусост. Х1ара, Люся! Хезий хьуна!
Лисберг. (Тухленаш екаеш гучуйолу) Х1ун боху ахьа, шеф?
Мусост. Х1ара, Люся! Хьоьга кхаъ баккха воллура со-м…
Лисберг. (Вовшах куьйгаш тухуш, самукъадолий) Алапа!
Мусост. Премиальни. (Кисанара доккхий жимма ахча кховдадо)
Лисберг. (Ца ешаш) Ма к1езига ду х1ара!
Мусост. Дисинарг вай ц1адаьхкичхьана т1елура ду хьуна аса.
Лисберг. Вай стенга доьлхуш ду? Командировке!
Мусост. Командировке… лаьмнашка…
Лисберг. Лаьмнашкахь х1ун дисина сан? Х1окху к1езигчу ахчанах х1етте а!
Мусост. Люся, сан йо1, хьо ца хилахь со цигара вухавог1у ца вог1у а ца хаьа. Соьга мила хьожура ву цигахь? Со къена ма ву. Цомгуш ву. (Кисанара доккхий кхин а ахча ло йо1ана)
Лисберг. Мегар ду делахь, вай цигахь дукха хьелур дацахь!
Мусост. Ца хьендала хьовсур ду вай. Вайн къоман сий айбархьама ца дахча ца довлу вай. Кхана 1уьйрана … г1алана коьртачу майданахь… ялх сахь даьлча…
Лисберг. (Догг1елделла кеп х1оттош г1антана т1е охьалахло)

                3 – сурт.
(Г1алин коьрта майда. Гонаха гуш ц1енойн сурт ду. Майдана юккъехь лаьтташ ворда ю, д1айоьжна хилар гойтуш айбина ду дукъарцаш. Вордана т1ехь аг1ора ваьлла 1уьллуш ву Дошсолта, багахлокхуш г1ийла мукъам а болуш. Т1едуьйхина духар туристан санна ду. Гибоьттина гихь рюкзак а йолуш гучуволу Гуашов. Рюкзакана т1ехула т1ейихкина ю кхаакогат1ехь рама а, крона а)
Гуашов. (Геннара Дошсолтига хьоьжуш лаьтта ладуг1уш) Салам 1алайкум! Доттаг1, ахьа х1у до са а тасале г1алина коьрта майданахь эшарш лоькхуш? Ц1ера ара-м ца ваьккхина хьо?
Дошсолт. (Сахьтана т1е а хьожуш) Йолхалг1ачух ах бен даьллий вайна?
Гуашов. Хьо ма 1абалахь айхьа кхузахь буьйса ца яьккхича.
Дошсолт. Буьйса яккха-м хала дацара, х1ара вайн къомана литературан, культуран т1ехь долу хьал х1ун дина тодийра дара техьа?
Гуашов. Х1ун хьал ду нохчашна т1ех1оьттинарг? Кхин а цхьаъ рог1ера т1ом-м ца баьлла? Шу цхьа а шайга хаьттинчунна жоп луш ма вац!
Дошсолт. (Вордана чохь нислуш охьахууш. Цхьа ч1ог1а къайле йуьйцу кеп х1оттош) Вайн «Халкъан поэт» ц1е елла ларалуш волу Мусит вевзий хьуна?
Гуашов. Суьрташ дохкуш-м вац и?
Дошсолт. Вац. Яздархо ву.
Гуашов. Т1аккха ца вевза.
Дошсолт. Кестта вевзар вара хьуна и-м. Цунна гина ч1ог1а тамашена бакъдолу г1ан.
Гуашов. (Вордана т1еволуш Дошсолтана улло охьахуу) Х1ун г1ан гина оцу пекъарна?
Дошсолт. И х1унда ву пекъар?
Гуашов. Шу шадолу яздархой а дара цхьа миска пекъарш. Хьалха аша язъйинчу произведенина пачхьалкхо гонорар лора, ткъа х1инца шайн книга арахеца, шайна ахча лаха, спонсор лаха везаш хуьлу шун… И книга арахецча а, саг1доьхург санна и книга йохка г1ерташ мотт ара а баьккхина книготоргашкахула лелан дезаш а хуьлу…
Дошсолт. Оцу пекъаран меттана буьххьехь ма нислойла хьо!
Гуашов. Дийцахьа, х1ун г1ан гина цунна?
Дошсолт. Ладог1ал т1аккха…
Бухит. (Гучуволу Бухит, жимма техкаш ву, селханлера кеп д1аяланза) Ассалам1алайкум, к1ентийн кол! Шу шиъ х1ун деш 1а оцу агана чохь? Сийсара кхузахь-м вацара шу шиъ буьйса йоккхуш?
Гуашов. Х1а-а, хьо вац и Бухайт?
Бухит. Бухайт вац, жимма ягийна-м ву! Ахьа х1ун до са а тасале и басарш кегош?
Гуашов. Деллахь оцу хьан дег1ехь йолу кеп гайта-м дукъа къорза басарш кегон деза. (Дошсолтига) Схьадийцахьа х1ун хилира оцу г1енах?
Бухит. Аша х1ун г1емаш дуьйцу? (Шена гонаха хьожу резавоцуш. «Белая горячка» йолуш санна кеп х1оттайо шена гонаха кьуьйгаш туьйсуш)
Дошсолт. (Бухите къинхетамца хьожуш, Гуашовга) Ладог1ал т1аккха…
Мусит. (Гучуволу дикка набарх валанза а волуш. Т1емак1елахь тетрад а ду. Цкъа хьалха уллохула т1ехволу, цхьа а ца гуш. Вордана а, цунна т1ехь1ашболучарнна уллохь лаьттачу Бухитана а гуотосу)
Бухит. Х1е-ей! Тпр-р-р!
Мусит. (Ц1аьххьана вирана хьалхха хир волуш соцу, самаволу, гонаха хьожу леррина) Шу муьлш ду?
Дошсолт. Тхо дара х1орш-м!
Мусит. Тхо ду? (Виран юьхьт1еволг1алуш) Тхо муха хуьлу говран корта а болуш?
Дошсолт. Виран!
Мусит. Х1ун вир дуьйцу ахьа?
Дошсолт. Хьуна гуш дериг… вир, виран корта…
Мусит. Ахьа боккъал а бохий?
Дошсолт. Ца хаьа и корта хьуна муха го-м, тхуна-м ца го и вир а, цуьнан корта а. Адамана ган йиш йоцу Литертаор-вир ма ду х1ара.
Мусит. (Шавериг а дийнна самаволуш) Мичхьа ду вир?
Бухит. Во! Х1инца самавели хьуна дийнна! Наб ч1ог1а езаш ву х1ара сан накъост. (Муситига. Улло воьдуш) Х1ей! Доттаг1, самавала!
Мусит. (Бухитига хьожуш) Бух-х-хит, вир!
Бухит. Мичхьа ду вир?
Мусит. (Бухитига дикка хьожу, цунна юьхьт1е п1елг хьажабо)
Бухит. (Реза вац)
Мусит. (Бухитан ч1ечкъашка яхана юьхь а гой, шен п1елг охьа ца бохийтуш, гонаха хьажабо беро санна)
     (Гучуволу сонехь, цхьана буйнахь, т1ема к1елахь т1оьрмиг а болуш, вукху      
     куьйга муш а ийзош. Мушах тесина Лисберг а гучуйолу набарах яланза юхаийзалуш)
Мусост. (Хала юхаг1ёерташ йолу Лисберг а текхош сценина юккъе волу) Ялсамане ийзош долу вир санна ма ч1ог1а дуьхьаляьлла хьо, ва Люся! Хьо ца хилчи соьга х1ун дайта йоллу хьо оцу кхерамен лаьмнашкахь? Яла саттий! Нохчийн къам ду вай к1елхьарадаккха дезаш!
Лисберг. Ца йог1у со! Айхьа даккха и хьайн къам к1елхьара! Суна х1ун алапа т1екхета ас и к1елхьардаьккхича! Наб йог1у-у…
Мусост. Ой! Ма х1оттаве со коллегашна хьалха юьхь1аьржа! Яла саттий!
Лисберг. Ца йог1у со! Пермиальни деза суна! Наб йог1у суна!
Мусост. (Маймална циркехь шекар санна Лисбергана бага ахча дуллу) Хьуна-м дера моьтту со х1окху г1уллакхах самукъадаьлла лелаш ву! Дела эца и Муьстаниг Дала д1а! Цунна ца гина хьанна гур дара и г1ан!
Мусит. Х1а! Схьакхечи хьуна Мусост а шен Санча-Панса а текхош. Х1инца а юьхьиг бен яц хьуна х1ара-м. Мусост, ма бала бу-кх ахьа хьайна т1аьхьатесинарг!
Мусост. Сан мохь бу! Сайн мохьах букъ ца лозу!
Мусит. Букъ ца лозахь а, кестта корта-м лозур бу хьан! Х1ара, Мусост, и Думалоева хааеларий хьуна оцу сийначу арахь?
Мусост. И х1ун Аре ю ахьа юьйцург?
Мусит. Сийна…
Мусост. Шумери юьйцу ахьа?
Мусит. Сийна аре.
Мусост. Сеннеар Шумерин шира ц1е ма ю!
Мусит. Цигахь елахьар-кх и Думалоева хьоьца цхьана х1инца а!
Мусост. Люся, ладуг1уш хир ю-кх хьо, вайшинна оцу муьстарго дуьйцург.
Лисберг. (Жимма, ирахь лаьтташехь еш йолчу, набарх йолуш) Наб йо-г1у-у-у! (Муьшца къевлина куьйгаш даста г1уртуш тохало, амма г1уллакх ца хуьлу, ирахь лаьтташехь кхин а наб д1аян х1утту)
Мусит. Вайн къоман критикана наб т1е г1оьртина моьтту сунна.
Мусост. Вай новкъа ца довлу? Мичхьа аг1ора ду лаьмнаш? Дан а дуй уьш, Нохчийн лаьмнаш х1окху дуьненчохь?
Мусит. Боливаре и Думалоева а, дукха еза хиларна, цуьнан байташ а текхалур яц лаьмнашка хьала! Вай и кхузахь а йитина новкъадовла деза!

(А-а-х1! А-а-ах1! Ц1уналоеван аз ду хезаш. Гучуйолу Думалоева, цунна т1аьхьа и букът1ехьара туьттуш йог1у Ц1уналоева а йолу гучу)

Думалоева. Ва, Дела, ма хьийзаво шу наха!
Ц1уналоева. (Массаьрга а хьожуш д1асайолалуш) Мичхьа ду лаьмнаш! Мичхьа ю природа!
Мусит. (Цуналоевага) Ца хаьа. (Стигла п1елг хьажош) Цигахь цхьанхьа хир ду-кх.
Мусост. И бохург х1ун ду? Цхьанна а ца хаьа Нохчийн лаьмнаш стенгахь ду?
Дошсолт. (Вордана т1ера охьаэккхаш. Цецволуш.) Шу б1аьрзе-м дац! Нохчийн лаьмнаш стенгахь ду ца хаьа шуна? Хьовсийша и д1о стиглах ма1аш а г1ортийна, г1оттучу малхехь лепаш, хьаннех, бецах, зезагех кхин а лакхахь лайх дуьзина лаьттачу лаьмнашка! Уьш ду-кх Нохчийн лаьмнаш! Башлам!
Гуашов. (Б1аьргах куьйгаш хьокхуш, куьйгах лаба а йой хьожу леррина) Дан а ма ду! Лаьмнаш! Нохчийн лаьмнаш!
      (Массо а гонаха хьовсу, х1инца дуьххьара гина иштта хаза сурт)

Мусост. (Шена уьш гуш хилча санна) Стенгахь? И д1орнашший? Х1а-х1? И бохург х1ун ду, лаьмнаш ца гора! Го дера суна-м лаьмнаш! Х1ун деш лаьтта шу дог1а а делла? Цкъа а лаьмнаш ца гина шуна! Х1ун бе ду уьш, нохчийн а, ца нохчийн а! Шадериш а цхьаъаш дара уьш-м. Дуьло новкъа довла деза вай! Сан меттиг мичхьа ю оцу вордана т1ехь? Цкъа со хьалха охьахуур ву, т1аккха меттиг юьсуш хилахь, шу а ховшур ду! (Вордана т1ехь 1аш волу Гуашов эккхавой чу а кхуссуш, вордана т1е волу. Хьалхха охьахуу. Цхьана т1емак1елахь портфель бу, вукху буйнахь Лисберг йихкина болу мушан юьхьаг ю) Х1ара меттиг суна товш бу. Со ву вайн халкъан коьрта яздархо!
Думалоева. И бохург х1ун ду? Хьо виравордана т1е а хиина ваха вешар ву ца моьттура суна, Мусост. Со а ю коьрта яздархо вайн халкъан! Сан меттиг а бу хьалха!
Мусост. Г1аш ца ваха, со-м вираводана т1е а хуур ву!
Дошсолт. Вордана хьалха 1аш волчуьнгахь архаш хила езийла хаьий шуна?
Мусост. Схьаба соьга машенан т1ам, аса нийсачу новкъа д1айог1ийтур ю х1ара нохчийн ворда!
Дошсолт. (Схьалоций архаш д1ало Мусостига)
Мусост. (Шен т1емак1елхьара портфель а, Лисбергах тесина муьшан юьхьиг а д1а ца хоьцу. Архаш нийса а ца лоцу, нийса ца тухуш д1аса а туху. Ворда меттах д1а ца йолу) Ой, х1ара ворда д1а ма ца йоьду!
Думалоева. Собарде, х1ей, ахьа х1ун до? Со а йитина д1аяхийта воллу хьо и ворда?
Мусост. Воллу! Боливаре хьой сой кхоъ дигалур дац!
Думалоева. Хьой сой шиъ бен хуьлий?
Мусост. Терзана т1ехь оьзча-м...
Мусит. Коллега, ва коллега!
Мусост. Х1ун боху ахьа?
Мусит. Вордана хьалха 1аш волчунна виран когак1елара чан а, хотта т1****талой хаьий хьуна?
Мусост. Цо х1ун дуьйцу?
Мусит. Рулевой хила-м атта даций!
Мусост. Хьан рул-т1ам ца хаьа суна, амма со коьртаниг ву-кх, кхинарг хила 1емина а вац со!
Мусит. Кхин цхьа х1ума а ду.
Мусост. Х1ун?
Мусит. Виро хьалха 1аш волчунна наггахь ц1ингаш тухуш а нисло!
Мусост. (Сихха вухахуьлу. Архаш Дошсолтига д1акховдайо) Хьажал, Дошсолт, ахьа хьалхара юьхь а лаьцна меллаша дига деза и вир, цо тхуна ц1ингаш кхуьйсур боцуш!
Дошсолт. (Архаш схьаоьцуш) Х1ара юьхь-м соьгахь йолу дукха хан ю, х1инцца бен цунах кхетта ца вог1у-кх со.
Думалоева. Со г1аш яийта-м ца дохку шу? Д1ахилал, вирворданара эла Мусост! (Вордана хьала яла г1урту, амма г1улкх ца хуьлу. Д1асахьожу.) Ц1уня! Х1ун деш лаьтта хьо?
Ц1уналоева. (Сихлой хазахетий вордана хьалайолу. Ира а х1уттий хазахетар гойтуш вовшах т1араш туху) Д1аяхийта хьайна ворда, Дошсолт!
Думалоева. Охьадосса цу т1ера г1ам! Аса-м сайна г1о де бохий! Хьалататта со!
Цуналоева. (Реза йоцуш охьаюссу вордана т1ера. Думалоева букът1ехьара д1ататта кечло, шена даима 1еминарг деш)   
   (Думалоева хьалаг1урту, Ц1уналоевас букът1ехьара хьалатотту, амма 
     г1улкх ца хуьлу)
Думалоева. Мусит, хьо х1ун деш лаьтта, г1о ца деш?
Мусит. Айхьа хьайн «Т1урнене» журналана кест-кестта т1етухуш волчу Муситига дайта ахьа г1о!
Думалоева. (Мусостига) Схьало куьйг, г1о де суна! Х1ун деш 1а хьо г1ажт1ехь борг1ал санна вог1а а велла!
Мусост. (Шен т1емак1елара портфель д1а ца хоьцуш, куьйг кховдадо)
Думалоева. (Хьалатасало, амма г1улкх ца хуьлу. Д1аса а хьожий елха озайо) Де эшча орцаха вала стаг ца хили-кх суна х1окху йоккхачу Нохчийчохь!

  (Лисберг ирахь лаьтташехь наб еш ю. И йоцчара массара а т1егуллой вордана хьала йоккху Думалоева. И Мусост д1а а тоттуш шена меттиг йоккхий охьахуу)

Думалоева. (К1адъелла доккха садоь1уш) Х1а, х1инца д1аяхийта мегар ду шуна ворда!
Мусит. Со а ма вара «Халкъан» ц1е йолуш, шу санна!
Думалоева. Х1инца хьо а воллу тхуна т1аьхьатасавала?
Мусост. (Думалоевига) Муьстаниг оьшура волуш стаг ву. Т1ехаийта веза иза а вордана.
Думалоева. Стенна?
Мусост. Хьанна хаьа, цунна кхин цхьаъ шена г1енаха гинарг дагадог1ий а!
Думалоева. Схьавола, хьо кхин башха веза а вац, хьайн дийцарш, байташ санна.
Мусит. (Хьала а волий вордана т1ехьайистте охьахуу) Ткъа бисинчарнна х1ун до вай?
Мусост. Бисинарш г1аш бог1ур бу!
Мусит. Гена некъ ма бу и.
Мусост. Х1умма а дац, азбаларна-м ца кхоьру хьо уьш?

                Геннара йилбазмохь(эхо) санна аьзнаш хеза

Аьзнаш. Х1ей! Собар дайша!
                Х1ей сийлахь нах!
Мусост. (Шена гонаха хьожу) Мусит, хьуна х1уммаа хезарий?
Мусит. Ца хезира.
Мусост. Цхьаъ-м ву цигахь, къухашна юккъехь ц1ог1 хьоькхуш гай ят1ийча санна.
Дошсолт. Д1огахь вайна т1аьхьакхиа г1ерташ бевдда бог1уш цхьа кегийра нах-м бу.
Мусост. Хаттал цаьрга, Дошсолт, х1ун оьшу алий.
Аьзнаш. Х1ей! Х1ей нах!
Дошсолт. (Дуьхьала мохь туху) Х1ов-вай!  Шу муьлш ду? Шуна тхоьгара х1ун оьшу?
Аьзнаш. Со яздархо ву…яздархо хила г1ерташ ву со!
                Со суьрташ дахка 1ама г1ерташ ву!
                Со байташ… язъян!
Дошсолт. (Мусостига) Уьш, суна схьахетарехь, къона яздархой, суьрташдахкархой бу. Уьш вайна т1аьхьакхиа г1ерташ бу.
Мусост. Цара дан х1ума дац вайн вордана т1ехь! Вай кхузахь дерш мукъна а д1аозалахьара х1окху вайн Турпал-вирига.
Дошсолт. Вай дукха хилча дика дац ткъа? Т1аьхьакхиийта беза уьш!
Мусост. Дан х1ума дац цара вайца! Улло ма бита!
Дошсолт. Собар дан деза! (Аьзнаш хезачу аг1ора) Х1ей! Сих алела, оха собар до шуна! (Мусосте а хьожий цецваьллачохь вуьсу)
Мусост. (Шен т1оьрмиг чуьра схьайоккху йоккха тапча. Хьажаеш масийттаза кхуссу тапча) Бисмиллах1! Бисмиллах1-х1-х1!
Аьзнаш. Ва, орца дала!
                Суна кхийти…
                Суна а…
                Со вий-кх цара…
Думалоева. (Самукъадолуш вовшах куьйгаш тухуш) И д1огарниг ведда к1елхьара вала воллу хьуна, Мусост! Т1етоха цунна!
Мусост. (Хьажош туху цунна а) Бисмил…
Аьзнаш. …Я-я, Аллах!..
Дошсолт. Хьо хьера ваьлла! И х1унда дира ахьа? Уьш ца хилча вайн т1аьхье хьалакхуьур ма яц! Уьш ца хилчи вайн йиш ма яц!
Мусост. Г1уллакх дац цера сан когашна к1ела хьийза, шаьш дийцарш, байташ язъйо бохуш! Со цхьаъ (резайоцучу Думалоевга хьожуш) тхо ши-кхоъ, тоьуш ву вайн къомана «Халкъан сийлахьа яздархо». (Лисбергах тесина муьшан юьхьиг д1асатухуш) Люся, т1аьхьа ма йисалахь! Яло, х1инца! Бисмиллах1-х1-х1! Ну-у-о! Бисмиллах1-х1! Ну-о-о!
Лисберг. (Самаяла тохало, амма г1улкх ца хуьлу) На-аб йог1у…
Мусост. Дошсолт, хьалха а валий меллаша д1айолаялийта вайн ворда! Ну-уо-о! (Шен т1емак1елара портфель ластош ворда д1аяхийта г1урту)
Дошсолта. Ца йохийту! Х1уъъа а делахь а цхьаъ нийса дац кхузахь.
Мусост. Цо х1ун юьйцу? Хьуна стенах хаьа х1ун нийса ду, х1ун нийса дац! Аса эр ду хьоьга нийса дериг.
Дошсолт. Делахь айхьа яхийта ворда д1а.
Мусост. (Вухий д1аса хьожуш) Цо х1ун юьйцу. Д1аяхийта ворда!
Дошсолт. Ца йохийту. Шу вайн яздархойн х1у кхачо арадевлла нах ду!
Мусост. Эх1! Эцца цхьа ши кехаташ бехдеш верг аса топ тоьхна вийнера бохуш, цо дуьйцариг хьовсийша! Уьш санна болу яздархой-м вайн кха т1ехь ша и 1еха буц санна т1ебовлуш бу, гам тоха а ца кхуьуш.
Дошсолт. Гам-м ца хаьа суна, амма ахьа и хьайн порфелана чуьра топ къоначу яздархошна хьажорна-м ца кхоьру со! Схьаял и кхузза!
Мусост. Цо х1ун юьйцу! Суна хьеха, хьалха вала хьо мила ву? Аса бийра бу хьан болх!
Дошсолт. Со мила ву хьуна хуур ду х1инца дуьйна д1а! Схьая топ, я х1ара ворда кхузара меттах д1а ца йолу! Нийсонна дуьхьала кхин топ ер яц х1окху махкахь!
Мусост. (Воьхна д1аса хьожу, т1аккха Муситига, Думалоевга)
Мусит. (Дошсолтица реза волуш, корта та1або)
Мусост. (Реза воцуш, воьхна схьайоккху т1оьрмиг чуьра йоккха мажартапча, д1акховдайо Дошсолтига) Х1ан, х1ара ю-кх хьуна и! Т1аьхьарчу хенахь хаъал язъеллера сан х1ара портфел!
Мусит. Беза бу хьо, Мономахан суркуй!
Дошсолт. (Массаьрга а) Х1ан, сан накъостий, новкъа довла вай! Яло тхан Литертор-дин! Вайн мехкан культуран сий ойбура вай! Бисмиллах1ирохьманирохьийм!

(Вордана ч1ургаш сиха хьийзан йолало. Массо а г1ашлоша когаш боху кеп йо, Дошсолта хьалха ваьлла ву вордана, вуьйш т1аьхьах1иттина. Лисберг а ю мушах тесина йоьдушехь, наб а еш.)

                4 – сурт
(Гонаха лаьмнийн сурт. Ворда жимма хьалайирзина ю, ломах ирх йоьдуш хилар билгало ю и. Вордана ч1ургаш хьалхачул а меллаша хьийзаш ю. Вордана т1ехь 1аш Мусост, Думалоева, Мусит. Вуьш а шаьш хиллачу меттехь, амма массо а г1ашлой к1адбелла хилар гуш ду)

Мусост. (Шен буйнахь йоллу муьшан юьхьиг Муситига д1акховдайеш) Мусит, хезий хьуна? Наб-м ца кхетта хьуна  а, (муш архаш санна схьатухуш,  меттах боккхуш, Лисберг йолчу аг1ора корта та1ош)  вайн нохчийн сийлахьчу критикана санна?
Мусит. (Наб озийначура метта вог1уш, б1аьргаш боьллуш) Х1а-х1? Ахьа х1ун элира, Мусост? Ца кхетта суна-м наб. Вайн критикаш наб еш хилча а, вай сема хила дезаш ма ду!
Мусост. Делахь ахьа а ялаехьа х1ара вайн сийлахьа критика цхьажимма лаьмнашка хьала. (Муьшан юьхьиг д1акховдайо Муситига)
Мусит. Думалоевига д1алохьа и. (Наб еш йолу Думалоева а гой) Суна хаьаара х1ара критик сайн коча йог1ур юй, т1аьххьара а. (Муьшан юьхьиг шен буйна юллуш, б1аьргаш набарна ца 1елуш д1акъовлу)
Мусост. (Доккха садоккхуш) Эх1, Дела хьуна бу хастам! Оцу критикца долу доттаг1алла даима а минийн аренгахула д1абоьду некъ санна ду-кх!
Думалоева. (Набарах ца йолуш) Дера ду-кх, и хьуна чух1оьтина лаьтташ елахь а-м. И сан лаьхьа Ц1уналоева а яра хьуна и шен аьтто баьлча, со кхаьллина д1айохийтур йолуш-м.
Мусост. Собар дайша, х1ей. И-м и дара, уьш стенна балош бу вай вайна т1аьхьа а баьхна?
Мусит. Уьш аьлча а, сан Бухит-м шена яа шашлык а, т1емала кемсийн молха а хилчхьана, кхин дуьхьала тийсалура волуш а вац. И хьан Лисберг аьлча а, и лаьхьа бу-кх кхерамен! Цо язъйина йолу критикан статьях атта кхетар а вац хьуна, хьо ша маларх кхетта вацахь. Йеккъа ц1ена 1илманийн терминех лаьтташ хуьлу цуьнан статья.
Думалоева. Х1умма а дац, (Стигла п1елг хьажош) кхетан везарг кхетар ву хьуна!
Мусост. «Кхетан ца везарг», ала г1ертарий хьо?
Думалоева. Кхета везарг-м културан министерство яра, ткъа кхета ца везарг мила ву?
Мусост. «Кхетан ца везарг» дешархо ву-кх.

(Вордана ч1ургаш меллаша хьийза йолало. Вордана т1ехь 1аш берш самабовлуш тохало. Ц1евзаш г1овг1а а еш, ворда соцу.)

Думалоева. Ой, и х1ун дара?
Мусост. Вай д1акхаьчний нохчийн лаьмнашка?
Мусит. Кхаьчна йистте-м.
Мусост. Ткъа ворда стенна сецина?
Дошсолт. Д1аозош вериг цхьаъ бен воцундела.
Мусост. И мила ву, д1аозош вериг? Хьуо-м ца вуьйцу ахьа?
Дошсолт. Х1ара пекъар, Литертор-дин бу-кх. Дан дезачуьнга хьаьжича, аса-м к1езига г1о дора кхунна.
Мусост. Стенгахь бу и? Х1инца а гуш ма бац и.
Дошсолт. И боху-кх аса а.
Мусост. Х1ун боху ахьа, накъост Дошсолт?
Дошсолт. Ца гича а бехк бац цуьна боху-кх. Озош и ша бу, ткъа вай цунна т1е а хевшина некъ беш ду.
Мусост. Со «Халкъан сийлахьа яздархо» охьавоссий? Хьо хааве вай сан меттиге? Товш хетарий хьуна хьайна сан меттиг? 
Дошсолт. Хьан меттиг стенгахь бу хаахьара-м ша дара и?
Мусост. Хьуна гура бац и сан меттиг. Хьо дукха жима ву х1инца а, и ган! Аса санна дукха дийцарш язде ахьа, т1аккха дуьйцур ду вай!
Мусит. Мусост, хьо Дошсолтан хенара волучу хенахь масса дийцар яздинера ахьа?
Мусост. Ас… аса дера яздинера… со студент вара цуьнан хенахь.
Гуашов. (Шена уллохь лаьттачу Бухитига) Доттаг1, вай д1акхаьчний техьа?
Бухит. Ца кхаьчна.
Гуашов. Муха хиира хьуна?
Бухит. Цхьанхьа а гуш шашлык яц.
Гуашов. Бухит, ву бохурий ахьа хьо? Бухит, хьо х1ун язъеш ву?
Бухит. Байташ язъеш ву-кх.
Гуашов. Хьанна?
Бухит. Муситана.
Гуашов. Наха-м езачунна, зезагашна, халкъана язъеш ма хуьлура уьш.
Бухит. Аса Муситана а, сайна а язъйо.
Гуашов. Хьайна-м язъйора ахьа, ткъа Муситина стенна?
Бухит. Гонорар а, даар-малар а юкъахь доькъу охашимма. Суна малар – цунна даар.
Гуашов. (Улло таь1аш) Хьажахьа, доттаг1, нахана хьалха эхь хетта суна хатта. И нохчийн лаьмнаш стенгахь ду хаьий хьуна а? Цига д1акхаьчча соьга эра дуй ахьа?
Бухит. Шашлыкна вай т1е ма кхаьчнехь, хаалахь вай цига д1акхаьчна хьуна.
Гуашов. Шашлык дитташна т1ехь т1ейолуш-м яц цигахь?
Бухит. Ца хаьа деллахь суна-м, амма Муситас цигахь ламт1ехь беа когат1ехь лелаш ю-м боху и. Ломах долуш кемси молха а ду боху!
Гуашов. Х1инцций бен ца хиина-кх суна, шашлык когаш т1ехь лелаш хуьлий.
Ц1уналоева. (Думалоевага) Ду-ума-а, вай д1а кхаьчний? Ахьа кхуза г1аш ян еза аьллехьара, со елла д1аяллалца вайн редакцера ког ара боккхур ма бацара аса. Хьан байташ хестош, сайнарш язъеш 1ийра ма яра со.
Думалоева. (Бета т1е пелг буьллуш) Ой, Ц1уня, хьо эца Дала д1а! Со нахала яккха г1ерта хьо?
Ц1уналоева. Нахана ца хууш х1ума хила йиш яц!
Думалоева. И хьан элира хьоьга?
Ц1уналоева. Вайн дайша!
Думалоева. Тхан дайша хьоьга и олийла дацара. Цара аьлча а хьоьга аьндерг, «хьайн батт дукха ма лен е» дара.
Лисберг. (Вордана аг1она т1е а таь1ий хур-т1ур до)
Мусост. (Дошсолтига) Х1ара, Дошсолт, схьахилахь улло.
Дошсолт. Х1ун боху ахьа? (Улло г1урту)
Мусост. Вай д1а-м ца кхаьчна х1инца а?
Дошсолт. Хьаладуьйла-м делла вай.
Мусост. Стенга?
Дошсолт. Нохчийн лаьмнашка.
Мусит. (Меттавог1уш, гонаха хьожуш) Х1ара, Дошсолт, вайн дин х1ун деш бу?
Дошсолт. Бежаш бу-кх. Кхин х1ун дийра ду цо. Зорбанан ц1а чохь меца лаьттина, нохчийн ломана бецана т1е а кхаьчна дог 1абош бу и.
Мусит. Ванах, и буц хьакха а ца хьокхуш, и дин ломахь бажийча х1ун дара техьа?
Мусост. Вай байт1ехь дийшина 1охкура дара, зезагаш а хьоьстуш.
Дошсолт. Ца хаьа делахь суна-м, цкъа д1ах1оьттина яалур юй оцу дине 1аьно яан хьокхуш йолу буц?
Думалоева. (Юкъаг1уртуш) Вайга хьакхалур яц и буц.
Мусост. Х1унда?
Думалоева. Ой, цкъа д1акхача ца деза оцу лома, и буц хьакха?
Мусост. (Резавоцуш гонаха хьожуш) И-м и дара, вай х1ун деш лаьтта? Берд лаьцна лаьтташ-м дац вай! Д1алалла и вайн вир-бекъа! (Вир човхон г1уртуш хичаш йо)
Дошсолт. Вайн виран мотор бохбелла!
Мусост. И бохург х1ун ду? Човхае и! Д1аозае цуьнан архаш, ва Дошсолт!
Мусит. Г1уллакх хир дац.
Мусост. Муха г1улкх хир дац?
Мусит. Мохь беза бу оцу вайн вирана, и турпал делахь а.
Думалоева. Со г1аш яхалур йолуш яц!
Мусост. Хьан и байтин т1оьрмиг дукха беза бу. Ц1ахь бита безаш хиллера ахьа и.
Бухитов. Деллахьа ма вайн коча бахка бохку х1орш х1инца. Ц1ахь х1орш – гихь, кхузахь а бераш санна – гихь!
Думалоева. Д1а х1унда ца йоьду и вир? Иштта меллаша г1ахь, д1а маца кхочур ду вай оцу лаьмнашка!
Мусост. Ой, д1аозае и юьхь а лаций, х1ун деш лаьтта хьо, ва Дошсолт!
Дошсолт. Мусост, хьаьжна со юьхь лаьцна а, хьаьстина а. Х1ара ша а ма яра вайга д1атуьттийтучохь. Тишъелла! Мацъелла!
Мусост. Господин Мусост Мусостович ю сан ц1е!
Дошсолт. Х1ан-х1а, хьо сан б1аьргашна хьалха даржана мелла а лахвелла хета суна. Мусост. Кхин дукха а, кхин к1езига а вац х1инца дуьйна д1а!
Мусост. (Оьг1азе д1аса а хьожий, дуьхьала кхин х1ума ала ца товш, бага а г1аттийна вуьсу)
Гуашов. Татта еза!
Бухит. (Муьшка еш) И хьайн бата сацор йолуш вац-кх хьо! Эх1, ма хаьара суна х1орш т1аьххьара а сайн коча бог1ура буй!
Мусост. Нийса боху! Мила вара и аьлларг? Аса т1ебог1учу баттахь хьан цхьа байт сайн «Вайдаха» журналана т1етухура ю! Гонорар схьаэца вог1ур хьо! Цхьана эхашарна яздай а тхан журнал хьайна ца яздеш ма 1елахь!
Гуашов. Хьайна дита ахьа хьайн гонорар!
Мусост. Эх1, и х1ун дара цо аьлларг? Сайн дахарехь дуьххьара хезаш ду-кх суна яздархочо гонорар ца деза шена олуш.
Гуашов. Шай-кай-м новкъа хир яцара суна.
Мусост. Ой, хьо цхьаннах ма ч1ог1а тера хета суна…
Гуашов. Хьанах?
Мусост. Деллахь хета оцу вайн вирах тера. Журнал ца яздича а могийтур ду хьуна аса.
Гуашов. Г1уллакх хир дац!
Мусост. Х1унда?
Гуашов. Со суьрташ дохкуш ву, байташ язъян ца хаьа суна.
Мусост. Э-э-э, маржа я1! Ванах, байташ язъян х1унда ца 1амийра ахьа хьайна, и суьрташ дохку бохуш, басарш а ца кегош?
Гуашов. Басарш ца кегадо! Байташ язъйо басаршца! Сан байташ – басарш ду!
Мусост. Хьажал, Люся! (Набъеш йолу Лисберг а гой, куьйг ластадо) Дошсолт! Хезий хьуна!
Дошсолт. Х1оккхуза ву со! (Куьйг ластадеш ша д1агойту Мусостана)
Мусост. И накъост шен коьртаца эг1на ву моьтту суна, цунна х1ун г1о дийр дара техьа?
Дошсолт. Вайн журналана…(Мусост реза воцуш хьажар гой) Вайн Нохчийн пачхьалкхан журналан мужалтан хьалхара а, шолг1а а чоьхьарчу аг1она т1ехь язъйина х1ума а яц, ша вайн адрес доцург.
Мусост. Со кхетавехьа, хьийза а ца деш?
Дошсолт. Мужалташна т1ехь вайн х1ара Гуашов санна пох1маллех вазвеллачу суьрташдохкархойн суьрташ т1етоха деза вай… вай…»
Мусост. «Вайдаха!»
Дошсолт. «Шудаха!»
Мусост. Со тилван ма г1ерта! «Вайдаха» литжурнал ма ду, суьрташдахкархойн журнал ма дац!
Дошсолт. Хьайна дика хуур ду хьуна. Хьан меттехь хилча, аса-м иштта дийр дара.
Мусост. И айхьа т1аьххьара аьлла дош дуй…и юха алахьа.
Дошсолт. …аса-м иштта дийр дара…
Мусост. Х1ан-х1а, «…хьан меттехь хилча…» и дешнаш набарах г1енаха а ма хазийталахь хьайна!
Думалоева. Дера аса а ма деза иштта суьрташ сайн «Т1урнене-на» т1е а тохийта.
Гуашов. Х1ара! Мусост, и гонорар а бохуш цхьаъ дуьйцуш вар-кх хьо!
Мусост. Думалоева яра и шен журнал дуьйцуш.
Гуашов. Иза а вайн карахь ю!
Бухит. Хьуна карахь ю а моьттуш, коьшкалахь 1аш 1едал ду хьуна оцу зударийн.
Думалоева. Цундела хир ву хьо зудчо витина 1аш.
Бухит. Ца витина. Цо «Шиннех цхьаннан майр хила» аьлча, аса сайна алсама дукъаезарг хаьржина!
Мусост. И мила ю хьуна дукхаезаш хаьржинарг?
Бухит. Пол-л-линочка!
Думалоева. Х1инций бен ца хиина суна хьо къайлаха мечик ялийна вуй.
Мусит. И-м кхин башха къайлаха а дацара. Цхьа-ши стака мала ма-меллинехь гучу долу и-м ша ма-дарра.
Гуашов. Суна х1окху дуьненчохь дукха х1ума а гина, амма Полиночка молуш суна-м ца гина.
Мусит. Пол-литровочкан ц1е ю и «Полиночка».
Мусост. Полиночка! Пол-ля! Цхьа полла санна яйн ц1е-м ю и.
Мусит. Полла санна муха ца хуьлу, пол-литр т1ехьаяьлча хьан дег1 ша и полла хилла т1емадолуш хилча.
Дошсолт. Т1емадолий, долий, эххар а дужу… уьшала!
Мусост. (Ирах1уттуш, д1асахьожуш) «Вайдаха»… аьлча а, ва нах, вай новкъа маца довлу! Вайн г1уллакх забаре даьлча санна хетий шуна? Дошсолт!
Дошсолт. Ч1ог1а мацбелла хилла х1ара вайн Литератор-дин. Татта езар ю ворда!
Мусост. Татта т1аккха! Шу х1ун деш лаьтта?
Бухит. Суна хаьара х1ара ворда сайн гихь юьсур юй т1аьххьар а!
Дошсолт. Дера ву  со, х1ара Литертор-ворда вайна массарна а дакъа кхочуш ю моьттуш.
Мусост. Ас сайна дог1у дакъа шуна ло-кх! Д1аттата ворда!
Дошсолт. И дакъа гонорар д1асадоькъуш а кхачийтахьара аша тхоьга массаьрга а!
Мусост. Гонорар! Гонорар! Кхин х1ума дац-кх шун оцу есачу коьрташна чохь! Шортта гонорар эца-м, шортта хьекъал хилан дезий, сан санна… (Думалоевас реза йоцуш м1араш къовзайо) А-ай! Со а, Думалоева а… (Мусосте хьоьжу, и ша тергал ца веш гина, куьйг лостадо) Сайнарш санна… (Думалоевага хьожуш) Тхайнарш санна кест-кестта произведенеш арайовлуш хилча хир ду гонорар а!
Дошсолт. И тхан «еса» произведенш кест-кестта арайовлийта цхьа х1ума оьшу.
Мусост. Хьекъал…
Дошсолт. Х1ан-х1а, тхо массо а коьрта редакторш хилар!
Мусит. (Дов шен керта далале юкъаг1уртуш) Мусост, жима волуш санна къийсалуш ву-кх хьо оцу берашца.
Мусост. Хьо 1е хьо лергаш та11адай, кестта хьан жимхой а к1омсарш гайта буьлалур бу хьуна.
Мусит. Хьан Дошсолтига кхочур бацара уьш-м. И-м и дара, Мусост, хезий хьуна? Х1окху вайн вирах Турпал-дин хилча, ахьа хьайна х1ун доьхур ду?
Мусост. Москва-г1аларчу пачхьалкхан коьрта литжурнале со балха вахийтар доьхур ду-кх!
Мусит. Хехо болх балур барий хьоьга Москва-г1алахь?
Мусост. Балур бара дера…(Ша аьллачух кхеташ) Ой, аса х1унда беш бу хехочун болх?
Мусит. Ткъа кхин х1ун болх бан воллура хьо цигахь? Москва-г1ала д1а мел вахана нохчо цигахь я строитал, я хехо, я къу хуьлуш ма ву!
Мусост. (Корта ойбуш) Со ц1ахь а эла ву…
Мусит. Дера ц1ахь аьрзу хиллачух а нехан махкахь къиг ма олу!
Мусост. Ткъа ахьа хьайна х1ун йоьхура ю Турпал-Литертор-вире… аьлча а дине!
Бухит. (Къамелана юкъаг1уртуш) Аса-м сайна…
Мусит. Х1ан-х1а, и кхочушдалур дац Турпал-дине а.
Бухит. (Бага г1аттийначохь вуьсу)
Мусост. Мусит, ахьа-м хьайна кхин х1умма а деха оьшуш а дац.
Мусит. Ду дера.
Мусост. Х1ун?
Мусит. Жимма алсама хьекъал.
Мусост. Хьайний?
Мусит. Х1ан-х1а, Бухитана.
Ц1уналоева. Аса а деха мегар дарий цхьа-ши-кхо…(п1елгашца дагардой) …пхиъ…
Думалоева. Мегар дацара. Хьан иштта а ду, хьуна хила дезарг а ца дезарг а.
Мусит. Ц1уня, хила ца дезарг-м хууш дара, хила дезарг х1ун ду? Ма шортта хила деза и.
Думалоева. Со ю-кх и!
Мусит. Т1аккха-м кхеташ ду.
Мусост. Меллаша дийцийша и шаьш йоькъуш ерг. (Лисбергана т1е нана-п1елг хьажош) Х1ара вайн нохчийн сийлахьа критика самаяккхахь, и шадерг а шена дезар ду цунна!
Мусит. Дошсолт, хьуна ца оьшу х1умма а?
Дошсолт. Нохчийн Сийлахьа Турпал-дин Литертор кога ирах1оьттина, т1ема баьлла, дерриг а дуьнненна гуо тасан болабелча?! Т1аккха со а хир вар-кха ирсе. Кхи х1ун деха деза!
Мусост. Дера ду и, к1ант, хьо а, со а велча хин доцург.
Дошсолт. Хьанна хаьа хуьлий а? Теша веза.
Мусост. Ой, оцу вайн вирах Турпал-дин хиларе сатесина ду шу боккъал а?
Дошсолт. Вайн барт хилахь, хир бу вирах Турпал-дин а.
Гуашов. Вайн барт муха хуьлу, вираний аттаний юкъехь х1ун барт хир бу?
Мусост. И х1ун ду цо дуьйцург? Вай варраш, бежнаш ду бохург-м дац и?
Гуашов. Х1ан-х1а, цхьаъ къасто мегаш ду царах.
Мусост. Т1ехула т1е гонорар а еза-кх х1окху басарийн т1оьрмигна. И-м и дара, ткъа вирах дин хилча ирсе хуьлуш волу стаг ву-кх коьртана дика воцуш.
Дошсолт. Вир бен дацахь а, иза-м вайн вир дай!
Мусит. Вир, вирб1орз, дин… вай новкъа маца девр долуш ду техьа: Иштта вай некъахь х1иттина латтахь, вайн вирах дин ца хуьлуш газа хир ю.
Думалоева. Массо а оцу виран метта д1адожалой а, вай ма латтийтиша!
Лисберг. (Вордана т1етевжина наб еш ю. Набарх олу) Латтийта ша йоллучохь… суна иштта наб ян атта ду…
Мусост. Мусит, хезий хьуна?
Мусит. Х1ун боху ахьа, сан доттаг1?
Мусост. И Люся-м наб кхетта йолуш кхин вон стаг а ца хилла.
Мусит. Хьанна веза шен произведенеш ирх-пурх цоьстуш волу стаг, и мел ч1ог1а хьан болх а ша беш велахь а.
Дошсолт. Э-э! Горалера нохчийн критика я1!
Бухит. (Гуашовца цхьана вордана ч1ургах букъ а товжийна хиина 1аш ву) Гуашов, хезий хьуна? И х1ун варраш, гезарий ю цара юьйцурш?
Гуашов. Дера ю вайх хилан тарлуш еригш, вай х1окху хьолах Дала к1елхьара ца дахахь.
Бухит. (Гонаха хьожуш) Ян-м вон меттиг яцара х1ара Нохчийн лаьмнаш, цхьажимма х1ума т1е ца тоьуш ду-кх. (Шен кочахь кхозучу т1оьрмигна чу хьоьжу. Х1умма а ца карайой дог духу)
Гуашов. (Цхьа сурт хаалой, т1оьрмигна чуьра кехат схьадоккхий, цунна т1ехь сурт дилла волало)
Бухит. Гуашов, и сурт дилла муха 1емина хьуна?
Гуашов. Ца хаьа суна-м. Со-суо дага мел вог1у хууш дар-кх суна и.
Бухит. Ткъа х1ун суьрташ дохкуш хазахета хьуна?
Гуашов. Ца хаьа деллахь… Дохкан сурт дуьллуш самукъадолу сан-м.
Бухит. Ткъа кхин?
Гуашов. Дохк…
Бухит. Кхин?
Гуашов. (Цецволуш) Кхин х1ун сурт дуьллур дара аса… Суна кхин сурт дилла а ца хаьа. Аса цкъа а ца диллина кхин сурт…
Бухит. (Х1инца цецволий хьожу Гуашовга) Ткъа х1инца стенан сурт дуьллуш ву хьо? Цигахь цхьанхьа а гуш дохк ма дац?
Гуашов. Дера ду-кх Нохчийн лаьмнашна гуобаьккхина а дохк-м… к1айн-1аьржа дохк… Дикка хьажал хьо, хьуна гуш хир дац и. Дац… Массарна гойла а дац…
Бухит. Б1аьргашна т1е марха-м ца лацаелла хьуна? Дика ган мукъна а гой хьуна?
Гуашов. (Оьг1азвоьду) Суна х1унда ца го дика? Со суьрташдахкархо вац?
Бухит. (Генна хьоьжуш. Ша-шега) Дера и малар дита деза моьттуш ма ву со… К1айн б1арлаг1аш дуьхьала х1иттале… к1айн…к1айн… горячка! Ма дарба лелон дезара… Ткъа муха? Вирах дин бан г1ертар… Туьйранаш!
Дошсолт. (Вирехьа ладуг1уш, лергубуш) Собардел цкъа… Схьахетарехь вайн дин цхьаъ ала-м г1ерташ ду…
Вир. (1уьпаш йовлуш кеп х1оттайо (громкая отрыжка) т1аккха виран 1ахар хеза зовкх хуьлуш)
Мусост. Дошсолт.
Дошсолт. Х1ов-вай!
Мусост. Х1ун боху оцу вайн Турпал-виро?
Дошсолт. Хьуна хаьий цо х1ун боху?
Мусост. Ца хаьа дера суна-м, со вирийн мотт 1амийна ву моьтту хьуна?
Дошсолт. Х1ан-х1а, со ву моьтту-кх.
Мусост. Дошсолт, делахь хаттахь цуьнга, вай новкъа маца девра ду.
Дошсолт. (Вире ладуг1у кеп х1оттош) Ца хаьа деллахь, вай новкъа маца девра ду-м. Амма вайн дин мелла а бецах там хилла бу моьттуш-м ву со.
Мусост. Дошсолт, ломахь буц мелла а мерза ю алахь цуьнга.
Дошсолт. (Вире олу кеп х1оттош) Х1ара, лераме Турпал-дин Литерторович,
Мусост хьоьга ала г1ерта… Доцца аьлча, вай лома доьлху я вайн х1инцалерачу уьшалахь пхьидарчийн эшарашка ла а дуг1уш 1а вай?
Вир. (Йовхарийн кеп а еш, виран аз хеза) Гм-м… Мохь беза бу, деса галеш санна! Татта езар ю вайн ворда! («иокъе! иокъе!» олуш 1аьха)
Думалоева. Со ц1а йоьду…
Мусост. Ца йоьду… «ц1а йоьду, ц1а йоьду»… Хьо ма атта к1елхьара яла йоллу. (Вордана т1аьхьа х1иттина болучаьрга) Шу х1ун деш лаьтта? (Хевшина болучаьрга) Ткъа шу х1ун деш 1а хевшина, шайн ден ц1а даьхкича санна? Хьалаг1овтта! Вир Динаевичас татта олуш хезарий шуна!
Бухит. Хьалаг1атта, накъост Гуашов, варраша бохург ца дича девра дац вай!
(Бухит, Гуашов, Ц1уналоева ворда татта дуьйлало. Лисберг юханехьа тоттуш ю ворда, ах наб а еш. Дошсолта хьалхара дуьрста д1аозош ву. Мусост. вордана юккъе ирах1оьттина т1ечевхаш ву)
Мусост. Ой, аша ма хала тотту х1ара ворда, БЕЛАЗ тоттуш санна!
Мусит. (Вордана т1ера охьавосса г1урту)
Мусост. Мусит, ахьа х1ун до?
Мусит. Бухит сахадийна висахь, сан дуьненчохь дисина долу кхоралла а оста дер ду-кх!
Мусост. И х1ун плебейин къамелаш ду ахьа деш дерш! Эхь хетар дац хьуна царнна юккъе а х1оьттина ворда туьттуш валла? Вай-х нохчийн литературан бос а, кеп а, чам а бу!
Бухит. (Гуашовга) Деллахь и вайн нохчийн литература иштта къаьхьа чам болуш юй ца хиина-кх суна х1инццалца.   
Гуашов. Дера и «къаьхьаниг» ахьа к1езига а мийлина-м дац хьуна и!
Мусит. (Вухаволуш шен метте охьалахло, д1авоьрзу дегабаам бина бер санна)
(Бухит, Гуашов, Ц1уналоева ворда татта г1урту. Дошсолтас хьалхара д1аозайо)
Лисберг. (Шен мушца ворда юхаийзон кеп х1иттайо)
Мусост. (Лисберге леррина хьожуш) Хьажахь цуьнга! Дела а дуьхьа хьажа цуьнга! Ой, х1ара шайолу вайн Литертор ворда юхаийзош ца йоллу иза! Хьалханехьа татта, ва г1ам!
Бухит. Дера ву со вайн Лисберг б1аьрзе ю моьттуш! Ворда юхаийзош ма йоллу и! Суьдхо елахьара товш хир яра и.
Гуашов. Ша-тайппа суьдхо яц и? «Вайн къоман критик» ю ма элира цунна цхьамма-м…
Дошсолт. Ша-шех къам лоручо элира иза-м. Цо кест-кестта бага премиальни а кхуссуш лелош ю и вайн «къоман критика».
Ц1уналоева. (Ворда татта хала долуш «ах1!», «их1!» а деш) Дера шена бага шекаран б1елиг ца кхоьссича маймал а ма ца долу хелха!
Мусост. (Ворда туьттуш болучаьрга чу хьожуш, резахуьлуш) Х1ан-х1ане, сан вежарий-йижарий! Йиша лекхича ма товш хир дара аша! Цхьана киншкана т1ерачу суьртах ма тера хета суна х1ара гуш долу сурт…
Гуашов. «Волгин т1ехь бурлакаш»
Мусост. Муха «Волгин т1ехь буракъаш»?..
Гуашов. Буракъаш Шелан аренашкахь хуьлура хьалха заманчохь, х1инца-м къух а даьлла лаьтта уьш а.  Ткъа бурлакаш олуш пекъарш Волга хин т1ехь хилла паччахьан заманчохь.
Бухит. (Йиша локху кеп х1оттош) Э-эй, бухнем!..
Гуашов. «Э-эй, ухнем!..» бурлакийн эшарех цхьаъ ю.
Мусост. Эй-т я1! Ма ницкъ болуш ю-кх нохчийн литература! Иштта персонажаш нохчаша мел кхуллу, тхо яздархой яздан х1ума доцуш дуьсур дац! Ас сайн шедеврийн мог1анехь кхин цхьаъ а шедевр кхуллур ю х1окху суьртах лаьцна. Х1аъ, нохчийн яздархойн йоккха цхьаъ юкъараллин уьйр, барт хир бу цуьнан коьрта бух!
Ц1уналоева. Ва, Дела! Ма суна ца оьшуш болу бух бар-кх и! Аса х1ун леладо х1окху эрна арахь вирворда д1атуьттуш! Бухит, со ю-кх х1ара шайолу ворда туьттуш ериг, хьо тоттуш ма вац! Стена ойла еш ву техьа хьо?
Бухит. Ма хаза сурт х1оьттинера сан б1аьргашна хьалха: массо а нохчийн яздархойн, суьрташдахкархойн, 1илманчийн цхьа барт!
Гуашов. Хаза гина г1ан ду и-м хьуна.
Дошсолт. Х1унда ду г1ан? Вай массара а х1ара нохчийн ворда теттина оцу ломан буьххье а яьккхина… йол а хьаькхина… 1аьно даа вайн динана докъар а гулдина…
Бухит. Деллахь, и ду моьттуш ву со-м г1ан. Цкъачунна д1атуьттуш дерш вай ду. Вуьйш-м оцу вордана т1ехь схьабог1уш бу. Шайн ц1ераш, даржаш, хьал ду церан коьртаниг. «Барт!» доккха дош-м дара и… 
Дошсолт. Суна хаьа вайн барт х1унда бац! Ас гойтур бу вайна нийса некъ!
Мусост. Дог схьа а даьккхина, цунах хаьштиг ян-м ца воллу хьо?
Дошсолт. Воллу. Дагах лато-м ца воллу, дашах лато воллу!
Мусост. (Ша-шега) Ванах х1окху мер1уьргана дагадеънарг х1ун ду техьа? (Дошсолтига) Хезий хьуна, жима стаг? Хьо жимма тилвелла вог1у моьтту суна! Хьо сан хилар дицделла хьуна!
Думалоева. Ва, нах! Хьан иштта воккха к1ант вуй ца хиина-кх суна!
Мусост. К1ант?.. Дала ларвойла! (Дошсолтига) Хьажал, сан к1ант, хьо сан белхало хилар дицделла хьуна! Хьайн виран архаш д1аозае ахьа! Вожадериг ас эра ду, ахьа дан дезарг а, вукхара дан дезарг а!
Дошсолт. Х1ан-х1а!
Мусост. Х1ун, х1ан-х1а?
Дошсолт. Хьан белхалойх кхузахь висинарг цхьа Лисберг ю, иза а ша самаяллалц бен хир ю моьттуш вац со. Со хьан «Вайдаха» журналера сайн лаам болуш балхара д1авели тахан тховса дуьйна…
Бухит. (Самукъадолуш) Елахь, исс ц1е а тесина…
Дошсолт. Х1ара архаш, х1ара динан юьхь а сан карахь эрна нисъелла яц. Хьалха заманахь санна вай кхойкхура вац лулара эла, вайна т1ехь куьйгала дан! Вай ваьша хир ду вайн къомана литературан дай! Барт а вай ваьша ца бахь, кхин цхьаммо а бийр бац вайна юккъехь. Вайн литературан юккъехь коьртаниг пох1малла хила деза, элалла чекх дер дац кхин! Вайн къоман кхолламан дай вай ваьша хила деза! Нийса луьйш вуй со, накъостий?
Бухит. (Кхин а ч1ог1а самукъадолуш) Ву дера... Дера ву…
Мусит. Бухит!
Бухит. Шеф, со а…
Мусит. Х1ун, со а?
Бухит. …По собственному желанию… Заявлени хьайн кисинахь долуш лара-хь!.. Эх1, ма сапарг1атвели со! Х1инццалца и дан дага ца дог1уш 1ара-кх со! Парг1ато!
Мусит. (Четара маларан шиша схьадоккхуш, гойту)
Бухит. (Дошсолтига къинхетаме хьожуш) Хьанна хаьа, заявлени-м жимма таьхьа яздан а мегар ма ду…
Ц1уналоева. (Ворда туьттучура соцуш) Со ц1а йоьду.
Думалоева. Ца йоьду.
Ц1уналоева. Йоьду.
Думалоева. Ца йоьду.
Ц1уналоева. Ца йоьду. Цо х1ун до, б1аьргаш къерзош?
Гуашов. Со а вер вара балхара д1а, амма со вац-кх цхьанхьа а балхахь. Со хьоьца ву Дошсолт!
Мусост. Самаяларна со кхийринарг-м Люся яра…

(Мусостий, Думалоевий, Муситий шаьш 1аччохь гуо а бой цхьа шабар-шибарш дан х1утту)

Дошсолт. (Бухитига, Ц1уналоевга, царнна улло воьдуш) Х1умма а дац, накъостий, шу хан а т1екхочура ю! Ткъа х1инца сан цхьа дехар ду шуьга.
Ц1уналоева. Х1ун дехар?
Дошсолт. Ворда кхин д1а ца таттар.
Гуашов. Х1унда? Вай ма хуьллу сиха лома д1акхача дезаш дац?
Дошсолт. Вай иштта д1аг1ертахь, цкъа а цига д1акхочур дац.
Гуашов. Х1унда?
Дошсолт. Мохь… Ца оьшуш болу беза мохь бу вайн вордана т1ехь д1атарбелла. Ворда татта езарш уьш бара, вайна хьалха а бевлла. Уьш ма бу, ц1еяххана яздархой ду шаьш, бохуш дозаллаш деш леларш. Уьш ма бу «Къомана яздархой» еза ц1е лелош берш. Ткъа уьш ворда д1аозо езачохь, шаьш оцу вордана т1ехь д1атарбелла шаберигш а, дуьнена «ялсмане» баха лууш.
Ц1уналоева. Уьш даржехь нах ма бу… Уьш ца хилча, вайна болх стенгара бер бу? Вай а дац даха дезаш?
Дошсолт. Оцу шайн даржех герз а дина лелаш бу уьш. И даржаш бахьана долуш, книгаш зорбане арахеца аьтто болу церан, цундела г1арабевлла нах бу уьш.
Бухит. Цара дика ма язъйо… аьлча а… Муситас-м… аса г1о а деш…
Дошсолт. Х1ун ю цара х1инцца язъян волавеллачу къоначу яздархочочул а дика язъйина? Стенах къаьсташ ю церан произведенеш кхечерачех? Шаьш язъйина произведенеш хестон, уьш г1араяха шайн балха схьаэцна, пачхьалкхан алапа а луш лелош критикаш бу церан. Церан произведенеш т1еетташ ю массо а арадолучу журналашна! Москва-г1алара журналаша шайна йовзийта нохчийн литературан произведенеш, аьлла дехча а, цара шайн произведенеш, шайн критикийн материалаш ю царнна д1аоьхьуш! Уьш литературана эксплуатаци а, экспанси  еш бу, нохчийн литература хьалхатоттуш т1емайоккхуш бац, т1емаш хедош бу! Цундела бац вайн Пушкинаш, Лермонтовш! Уьш кхиа а ца буьту, когаирах1итта а ца буьту! Кегийрачу нехан дог доккху цара литературе болчу безаме. Кегирхойн яздархойн цаьрга дехарш дан дезаш хуьлу, шайн произведении журналана т1е тохахьара бохуш. Ткъа цера шайнарш язъйина кехатан т1ехь къоламна к1елара ара а ялале, журналашна т1ехь гучуйолу. Вовшен хийца а хуьйцуш журналашна т1е етта цара уьш. Церан произведени ара а ялале кийча хуьлу церан критикаш, гочдархой уьш «т1емаяха». Ворда царах юьзина хила ца еза, нохчийн оьздангалех юьзина хила еза! Т1аккха бен вай кхочура дац лаьмнашка д1а, йол а хьокхура яц массо а цхьана т1е ца дерзахь! Турпал-дин а кхобура бац!
Гуашов. Ткъа муха бохура бу вай и накъостий «нуьйрара»? Уьш-м белла д1абевра ма бу, шаьш оцу ворданара охьабахахь? Нохчийн ирхене г1аш некъ бан гуьнахь долуш а бац уьш!
Бухит. Белларш д1абухкура бу, вайн мохк жима белахь а, оцу г1уллакхна тоьура болуш бу. Собардеша, цхьана х1уманах шек ма ву со… Уьш вордана т1ера чукхийса г1ертачул а ваьш оцу вордана т1ехевшича х1ун дара техьа.
Гуашов. Д1аозор яц виро.
Бухит. Уьш чу а кхийсина, вай т1ехевшича?
Дошсолт. Ворда татта еза, шех мохь бина 1ен ца веза вайх цхьа а. 
Ц1уналоева. Со ц1а йоьду…
Дошсолт. Ц1уня, хьо ца хилча тхо ларалур дац тхаьш. Хьо, хьайн болу ницкъа гул а бина, накъост хила еза тхуна!
Ц1уналоева. Х1ун дан деза аса?
Дошсолт. Уггар хьалха и вайн набкхетта йолу критика самаяккха еза. Ахьа и г1улкх дика дийра ду. Ларалуш хилалахь Лисберг, самайолучу хенахь, дукха аьрха, дера ю хьуна. Ц1ингаш кхосса а, м1араш таса а тарло цо. Амма ша самаяьлча ала дезарг юьхьдуьххьала д1аэра долуш ю, эхь хетта, ца 1аш, кхераелла юха ца йолуш. И вайгахьа хилахь, вайн толам герга хир бу. Амма… цхьа ледара меттиг ю цуьнан.
Гуашов. Х1ун?
Дошсолт. Дера ю и сом-ком шен кисана та1ийча догк1адлуш, къар ца луш харцонах бакъо йийра йолуш.
Бухит. Деллахь, и сама а ца йоккхуш йитича х1ун дара техьа? Аша схьадийцарехь, бале яла тарлуш ю-кх и вайна массарна а.
Дошсолт. Х1ан-х1а, и Лисберг сама яккха а еза, и вайгахьа яккха а еза. Нийса некъ гайта беза цунна! Ц1уня, хьажал хьайн х1ун хуьлу. Самайоллушехь бага кампет кхосса еза хьуна цунна.
Ц1уналоева. Соьгахь наьрс бен яц.
Дошсолт. Юй цхьангехь а кампет, шоколадан хила а еза и? Кхинарг хилахь ешара йолуш а яц и.
Бухит. Цхьа деса шиша-м ду соьгахь…
Дошсолт. (Реза воцуш хьожу) Ца оьшу.
Гуашов. Аса сурт дуьллура дара шоколадан кампетан, амма суна дохк бен дилла ца хаьа-кх…
Дошсолт. Ца оьшу.
Ц1уналоева. Наьрс теттина легашка кхаччалца багайоьллича х1ун дара техьа цунна, кампет ю а аьлла?
Дошсолт. Х1ан-х1а, ахьа х1ун дай? Думалоевага хьо кхин д1а ца йог1у ала, хьайна шоколадан кампет дагаеъна алий. Цуьнгахь хила еза. Мерзаниг дага а йоьг1на леш йоллуш ю и. Люсяца тасаялале жимма хорме, кепе яр а хир хьуна.
Ц1уналоева. Мегар ду, и-м хала доцург ду. (Думалоева йолчу аг1ора йоьрзуш) Ва-а, орца дала!
Думалоева. (Мусостан, Муситан гуона юкъара кхераелла схьайоьрзуш) Орца… дала!.. Х1ун? Мичхьа? Ц1уня… Ц1уня хьуна х1ун дира оцу хулиганаша? Хьо сан юй ца хаьара царнна? Дела мостаг1ий!
Ц1уналоева. Х1ан-х1а…
Думалоева. Ца хаьара?!..
Ц1уналоева. Хаьара…
Думалоева. Хуушшехь хьо хьийзош бу уьш?!
Ц1уналоева. Бац.
Думалоева. (Жимма метта йог1уш) Ткъа мохь стенна хьоькху ахьа гай ят1ийча санна?
Ц1уналоева. Кампет!
Думалоева. Х1ун? Кампет?
Ц1уналоева. Кампет дагаеъна суна!
Думалоева. (Т1оьрмигна чу кхевдаш) И-м хала доцург ду. (Бера санна хьостуш) Схьайола мамина… Мамас лур ю кампет-м шен йо1ана.
Ц1уналоева. (Беро санна кучан юхан маь1иг п1елгана т1е а хьовзош улло йоьду. Схьаоьцу шега схьакховдийна кампет. Хьожу кампете) Ва-а! Орца дала!
Думалоева. Х1ун хили х1инца?
Ц1уналоева. Кампет…
Думалоева. Кхин а-й?
Ц1уналоева. Х1ан-х1а…
Думалоева. Ткъа мила вели хьан т1аккха!
Ц1уналоева. Шоколаданиг…
Думалоева. Х1ун шоколаданиг?
Ц1уналоева. Шоколаданиг еъна дага кампет!
Думалоева. (Т1оьрмигна чу кхевдаш кхин кампет хоржий, д1акховдош) Х1ан, д1алаца, ж1аьлийн ун хьуна цунах хиларг!
Ц1уналоева. (Реза йоцуш буйнара схьатухуш схьаоьцу кампет. Дошсолтана, Бухитана, Гуашовна улло йог1у) Кампет йолуш ю. Кхин д1а х1ун де аса?
Дошсолт. Х1инца коьртаниг! Люсяна т1е а г1ой цуьнан мерк1елахула хьовзае, кехатах ястий, шоколадан кампет. Цо набарах йолуш багаг1аттошшехь, кампет бага кхосса цунна. Цо кампет юуушехь, и кхин д1а а самаяккха хьожур ю хьо. Оха тхайга далон г1о дийра ду хьуна.
Ц1уналоева. (Разведке йоьдуш санна тебий Люсяна улло йоьду, буйнахь схьайостуш кампет а йолуш)
(Дошсолтий, Бухитий, Гуашовий Ц1уналоевна таьхьа тебина улло боьлху Лисбергана)
Ц1уналоева. (Схьайостий Лисбергана мерк1елахула кампет д1асахьовзайо)
Лисберг. (Набарах елакъежа, набарах йолуш санна багаг1аттайо)
Ц1уналоева. (Юха а йоккхий кхуссий багайохийту кампет)
Лисберг. (Цкъа шуьйрра схьадоьллу, къарзадо б1аьргаш, т1аккха там хуьлуш д1ахьаббо, кампет 1овша йолало «ч1ап-ч1ип!» а деш. Кампет йиъна йолу. Б1аьргаш доллуш) Кхин а!..
Ц1уналоева. (Юхий д1асахаьвза, т1аоьрмигна чу кхевдий схьайоккху йоккха наьрс. Лисбергана гойту)
Лисберг. (Наб йог1уш багаг1аттайой, б1аьргаш д1акъовла г1урту)
Ц1уналоева. (Юхий накъосташка хьожу)

(Нохчийн хелхаран йиша лакхайолало. Дошсолтий, Бухитий, Гуашов хелхавалан волало. Цхьаъ царах зударех хелха волу, шен кисанара мерах хьокху йовлакх шен коьрта т1е а лоцуш. Цхьаъ оьрсийн «вприсядку» хелхар дан х1утту)
Лисберг. (Набаран багаг1аттайо кхин а, амма жим-жима самайолуш, самукъадолуш елакъежа йолало. Ша а хелха яла йолало, Муситас тесина муш а ловзабеш шен кочара. Дошсолтас схьабосту Лисберган кочара муш. Вукхара т1араш а тухуш Дошсолтий, Лисбергий хелха долу. Хелхар чекхдаьлча Лисбергас схьаоьций буйна буллу шена кочатесина хилла муш)
Дошсолт. Люся, д1акхоссахь и муш, цо х1ун до шинар санна шен муш шен куьйга ша лелош.
Лисберг. Х1ара муш бац.
Дошсолт. Х1ун ю и ткъа?
Лисберг. Х1ара сан рицкъа ду. Сан кочахь х1ара муш мел бу, сайн (п1елгашца дагардо) цхьаъ, шиъ, кхоъ… алапаш а долуш, сайн даржаш а долуш, мацалла х1ун ю а ца хууш, ехара ю. (Коча уллу шен муш) И-м и дара, хьан муш стенгахь бу, Дошик? Гой хьуна, Бухик а…, х1ара мила ву шун накъост, иза а ву муш а тесина, хилан ма-веззара.
Дошсолт. Аса сайн муш хадийна.
Лисберг. Ткъа ваха муха ваха волу хьо? Муш а боцуш, да воцу эса санна?
Гуашов. Со-м вац муш тесина… (Ша-шега хьожуш) Галсток ю х1ара-м сан кочахь ериг.
Лисберг. Дера бу-кх ша ма-барра муш-м и. Ца го хьуна?
Гуашов. Галсток… (Хьекъалах тиллачуьнга санна хьожу Лисберге)
Лисберг. Хьо стенгахь болх беш ву?
Гуашов. Со суьрташдахкархо ву… болх беш вац… маьрша суьрташдахкархо!
Лисберг. Стенна делахь а, со тешна ю, хьо маьрша вац аьлла. Муш бу хьан кочахь.
Гуашов. Вац со цхьанхьа а балхахь. Суьрташ дохкуш ву.
Лисберг. Ткъа дукха дуй хьан дехкина суьрташ?
Гуашов. Ду… цхьаъ…
Лисберг. Стенан сурт ду и?
Гуашов. Дохк… к1айн-1аьржа…
Лисберг. Дохк 1аьржа хуьлу ткъа? Гой хьуна, хьан коьрта чохь деккъа ц1ена дохк ду, 1аьржа дохк! Хьо а корта маьрша вац. Хьан кочахь эрна ца кхозу муш.
Дошсолт. Люся, хьажахь дукхаяхарг! Тхуна хьоьгара г1о оьшу. Хьо ца хилахь, тхо тхаьш ларалур дац.
Лисберг. Х1ун г1о оьшу соьгара? Мел шай-кай хир йолуш г1улкх ду и? Суна!
Дошсолт. Х1умма а…
Лисберг. Т1аккха со эрна самаяьккхина аша.
Дошсолт. Ца яьккхина! Хьан декхар ду вайн къоман литературан, културан хьалха тхуна г1о дар.
Лисберг. И сан бала болуш х1уманаш дац. Шай-кай кисина южуш яцахь уьш деса дешнаш ду. Х1окху дуьненчохь массо а х1умана мах ахча бу.
Дошсолт. Ахча! Хьажал оцу хазчу лаьмнийн баххьашка, оцу хьаннийн хотешка, оцу мархашка, стиглане – уьш мича меха ю! Ткъа Даймохк, нана, сий – церан а мах хадор бу! Самаяла, ва йо1!
Лисберг. Цо х1ун до, яьлла со сама… Со стенга кхаьчна ца кхета-кх х1инца а.
Дошсолт. Дага ца дог1у хьуна, вай стенга даха новкъа девлла? Вай Нохчийн лаьмнашка доьлхуш ду, Турпал-динана г1о да арадевлла ду вай.
Лисберг. Дагадог1у… Шеф ма вара цхьа премиальни дуьйцуш…лаьмнашка д1акхаьчча…
Дошсолт. Премиальни дуьйцучохь дац х1ара. Къомана сий кхерамехь ду, вайн дойн дериг мах боцуш дукха ду, нагахь санна лома вай д1а ца кхачахь.
Лисберг. Ткъа х1ун деш лаьтташ ду вай, д1а ца доьлхуш?
Дошсолт. Вайн дин к1адбелла, ворда дукха еза ю цунна. Дукха хенахь меца лелла де эшна бу и.
Лисберг. Аса х1ун де цунна? Суна-х кино чохь доцург говра а ца гина дийна йолуш.
Мусост. (Думалоеван, Муситан гуо юкъара схьавоьрзуш ц1еххьана тидам бо Лисберг самаяьлла хиларна) Люся! Хьо яц и? Хьо я маьрша! Схьайоьл кхузза! Оцу екхаргашка хьо лен ма яйталахь! Хьан премиальни кийчча ду-кх. Хьажал кхузза…(Киснара схьадоккхий масех ахчан кехат гойту) Схьайоьл, хьайн кочара муьшан юьхьаг схьалол сан кера. Хьо-м хьаха яц иштта хецна лелийта йиш йолуш.
Дошсолт. Люся, ма г1олахь царнна юха а кара! Ма ло цаьрга хьайн архаш д1а!
Ц1уналоева. Дошсолт, аса х1ун де? (д1алечкъа кеп х1оттайо)
Дошсолт. Ц1уня, ма кхера. Цера вайна дан х1ума дац! Вай ца хилча, мацалла лийр болуш бу уьш. Тоьура ду уьш гихь лелон!
Мусост. Дошсолт, хьан болх-м ас редакцехь бийра бу хьуна! Тхо ца хилча шун яц йиш. Уьстаг1ий долучохь жа1у а хила везаш ву!
Дошсолт. Т1аьхьависира хьо, сайн архаш аса сайн буйна лаьцна! Уьш соьгара шен кара эца кхин стаг а вац дуьненчохь!
Бухит. (Ийзалуш улло вог1уш, лерге) Дошсолт, дохко-м вер вац техьа хьо? Балхах вала воллу-кх хьо…
Гуашов. Аса хьуна т1е 100 туьма х1оттийна хьуна, вуха ма ваьллахь!
Дошсолт. Люся, жимма схьабеллахьа хьайн б1аьргаш!
Лисберг. (Б1аьргаш дукха схьабелла г1уртий къарзабо)
Дошсолт. Иштта ца боху аса! Къерза стенна до ахьа б1аьргаш?
Лисберг. Ткъа муха боху ахьа?
Дошсолт. Хьайна гонаха хьажа боху-кх! Хьо ма леняйта боху-кх! 1еха ма ло боху жиммачунах!
Лисберг. Хьо суна алсама премиальни дала-м ца воллу?
Дошсолт. Премиальних вайн мохк бухкийла-м ма дац, ва йо1!
Лисберг. Ахьа дуьйцачух суна товш цкъачунна цхьаъ бен дац.
Дошсолт. Х1ун ду и?
Лисберг. Ахьа сох «йо1» алар ду-кх.
Дошсолт. Хьо х1инца а кога яхаза ю, бохург дара са-м и.
Лисберг. Со х1унда ца яхана кога? Иштта аьлча суна хаза ца хета.
Дошсолт. Хьо-м кестта когаира а х1оьттина, вайн къомана сий ойбуш, вайн яздархойн г1оьнча а хилла д1ах1уттура ма ю! Оцу вайн къомана ц1иймолучу ц1убдарех д1а ма кхетахьа, Люся!
Лисберг. (Шех къахетийта юлу) Со-м суо цхьаъ, йоккха миска яй, айса ца яьккхинарг кепек кераян меттиг бац сан. Со хьан кхобура ю, ахьа кхобура ма яц со.
Дошсолт. Хьо ца хилчи церан яц йиш. Уьш бац хьуна оьшуш, хьо царнна оьшуш ерг. Ахьа язъбина критикан белхаш мах боцуш беза бу. Хьуна заказ а йина язбинарш боцурш. Хьуна хьайн мах ца хаьа! Мацалла яларна кхоьру хьо?
Лисберг. Мацалла яларна-м ца кхоьрура со, суо цхьаъ а йисина къанъелла яларна кхоьру-кх.
Дошсолт. Ой, и-м хала доцург ду. Хьо-х жимма оцу хьайн писаллин кисанара хьалаяьлча хаза товш йо1 ю. Хьо нахана чух1оьттинчура д1аяьлча, хьайн ирс а карор ду хьуна!
Лисберг. Боккъал а бохий ахьа, Дошик? Хьо соьга догхоийтуш-м вац?
Дошсолт. Х1ан-х1а, дог хоийтуш-м вац, хьан б1аьргаш белла г1ерта-кх. Хьажахьа гонаха…
Лисберг. (Гонаха хьожу. Гуашов го шега хьоьжуш. Эхь хетта кеп х1оттайо)
Гуашов. Суна хаьа х1инца!
Лисберг. (Эхь хета кеп х1иттайо) Ахьа боккъал бохий?
Гуашов. Боху! (Шен т1оьрмигчуьра кехат, къолам схьадоккхий Лисбергана т1е вог1ало)
Лисберг. (Жима куьзга схьадоккхий цу чу хьоьжуш кечло)
Гуашов. Х1ан-х1а, ма бехйехьа и хьайн хаза юьхь!
Лисберг. (Шен буйнарчу куьзгане ца тешаш хьожуш) Цо х1ун дуьйцу! (Шен юьхьт1е куьйгаш хьокху)
Гуашов. Суна х1инца хаьа!
Дошсолт. Гуашь, ахьа х1ун до? Хьо хьайн коьртаца дов даьлла-м вац?
Гуашов. Вац! Сан б1аьргаш схьаделладелла!
Дошсолт. Х1окху вайн йо1стеган а деллалахьара уьш схьа!
Гуашов. Аса сурт дуьллур ду!
Дошсолт. Стенан? Кхин цхьаъ а дохк дара хьуна кхуза т1е оьшуш.
Лисберг. Дошик, юкъа ма г1ертахьа тхойшинна!
Дошсолт. Мегар ду. Кхин д1а х1ун хуьлу хьожура ву со делахь. Гуашь, дукха 1аьржа басарш ма хьеделахь.
Лисберг. Гуашик, дийцахьа хьайна х1ун дагадеъна.
Гуашов. (Т1ера б1аьрг ца боккхуш Лисберге хьожуш) Сурт дилла…Хьан сурт!
Бухит. Тешна а, яьккхина ву-кх хьо, доттаг1.
Мусост. Ца дуьллу… цхьа а сурт а ца дуьллу! Аса бакъо ца ло!
Лисберг. Ло!
Мусост. Ца ло! Схьайоьл х1оккхуза! Схьаял хьайн архаш, аьлча а хьайн кочара муьшан юьхьиг.
Лисберг. Ца ло! Шеф, ма г1ерта суна новкъа. Со-м кхана-лама къан а елла цхьаммо а «почем?» а ца олуш юьсура яй!
Мусост. (Шен когашна хьалха п1елг хьажош) Х1оккхуза!
Лисберг. Шеф, ма г1ерта суна новкъа, оцу хьан т1аьххьара язъйинчу дийцарийн, байтийн бахьанех лаьцна йолу статья х1инца а чекхъяккхаза ю хьуна со!
Мусост. Х1ах1? Х1инца а чекх ца яьккхина-а? Схьайоьл кхузза, новкъа йог1уш лаьтташехь чекх ца яьккхича йиш яц и. Москох-г1ала дохьийтачу дийцаршца цхьана д1аяхьийта езаш ю и.
Лисберг. Аса и статья хьан дийцаршца яхьийтахь, хьан дийцарш садукъделла лийр ду-кх, оцу т1е даьлча.
Мусост. (Кхералуш) И бохург х1ун ду, Люся?
Лисберг. И бохург дера ду, аса и статья хьан кхолараллах бакъ дериг т1ехь яздеш чекхйоккхура ю, бохург.
Мусост. (Ахча гойтуш) Люся, премиальни…
Лисберг. (Куьйг ластош) Ма г1ерта суна новкъа, Гуашик санна волу к1ант аса хуьйцура ву моьтту хьуна оцу хьайн яхкъеллачу кепекех?
Бухит. Цхьа «к1ант» ю-кх хьан ц1е! (Лисберг реза ца хилар гой) Йо1! Йо1!
Лисберг. Диллал сурт, Гуашик! (Туолуш д1ах1утту)
Гуашов. (Дехьа-сехьа а волуш, Лисберган сурт дилла х1утту)
Мусост. Дошсолт, и хьуна аса иштта чекхдалийтахь со хьоьца йо1ах хелха вер ву-кх хьуна.
Бухит. Ваша, ког таса ма балийталахь хьайн, хьо йо1ах хелха волуш. (Велакъежа)
Дошсолт. Суна-м Люсяца хелхаволуш тайна ч1ог1а.
Думалоева. (Муситига, къайлаха лерга улло а г1уртуш) Конкурента-м г1уллакхаш ледаро долчух тера ду.
Мусит. (Меллаша, Думалоевна хазийта) Дера и берзалой вайн коча а яхка там болуш ма ю, иштта д1адодахь.
Думалоева. Мусост санна ирх а ца кхиссалуш вай 1адда 1ахь, х1умма а хир дац. Ткъа вайн конкурент новкъара д1авер ву!
Мусит. Сан произведенеш шен «Вайдаха» журналан т1е тухура цо кест-кестта, кхоам бар-кх.
Думалоева. Мусостанний?
Мусит. Х1ан-х1а, сан произведенийн.
Думалоева. Аса сайн «Т1урненена» т1е тухур ю хьан произведенеш, сайнарш ахьа хьайн «Т1орказ» журналана т1е тоха йиц ца яхь.
Мусит. Дера сайн произведенеш а кестта т1урнене д1а г1ур ю моьттуш ма ву со-м, х1ара дов кхин д1а а дахлахь. (Мусостига) Х1ара, Мусост, жимма юхаозахь хьайн алаша. Вайна массарна а х1ума кхетийта воллу-кх хьо.
Мусост. Х1ума-м аса кхоьтийтур ю хьуна царнна, вай цкъа ц1а кхачийта ахьа!
Мусит. Уьш дар ма бе. Дера ву хьо цара оцу лаьмнашкахь берзалошна вуьтура, хьо дукха лиэхь!
Мусост. Лаьмнашкахь вита-м, цига цкъа д1а кхача веза! Кхин цара кхузара лаьмнаш долчу аг1ора ког д1а баккхарна ца кхоьру-кх хьуна со!

(Вир говра санна терсаш  ела а лой, шен кепехь 1аьха)

Думалоева. (Муситига, лерга улло) Витахьа и хьера ваьлла стаг. Со-х ма яц цара кхузахь йитахь, г1аш ц1а яг1ан де долуш а.
Мусит. Мац ма еллинехь г1ура ю г1аш а.
Думалоева. (Хьасталуш) Мусик, хьо мукъна а 1ад1ехьа ц1ингаш а ца кхуьйсуш.
Мусит. Со вац и, вир ду 1аьхаш. К1ордийна хир ду-кх цунна а х1ара «ловзар»
Думалоева. Ма сан бала болуш некъ бацар-кх х1ара аша арабаьккхинарг.
Мусит. Дера бацар-кх х1ара вайн некъ. Вайн кабинетийн тийналлехь, редакцийн 1индаг1ехь куьйгалла а деш йовххачу меттехь бара вайн меттиг.
Дошсолт. Гуашов, х1ун хуьлуш ду хьан суьртах? Со хьажийтахь (улло воьдуш, белшна т1ехьахула хьожу).
Гуашов. (Чуьраваьлла суртдуьллуш ву) Собардехьа, доттаг1, ма г1ертахьа новкъа.
Лисберг. (Сетташ ша-шех самукъадолуш) Дошик, д1авалахь ма хьежахьа соьга.
Дошсолт. (Цецволий Лисберге хьожу) Инзаре! Инзаре!
Лисберг. Инзаре хазий!
Дошсолт. Инзаре бакхийн хийцамаш!
Бухит. Х1у хилла цига, Дошсолт? (Улло вог1уш, Гуашовн шолг1а белшна т1ехула хьожу) Эх1!
Лисберг. Аша х1ун до шадерш а соьга хьоьжуш. Со ца гина шуна цкъа а? Со… х1оккхузахь! Х1ей! Кхузахь! (Шена т1е куьйг хьажош гойту)
Бухит. (Куьйг ластош) Д1аялахь! (Гуашовс дуьллучу суьртана т1е куьйг хьажош) Х1ара ду-кх дош!
Лисберг. (Собар ца тоьуш улло йог1у. Амма Гуашовна гонаха лаьттачара д1а ца хуьлуш, ца гойту) Хьажийтийша со а сайга! 
Дошсолт. (Лисберге леррина хьожуш) Люся, хьо иштта хаза юйла ца хиина-кх суна!
Бухит. (Лисберге хьожуш, т1аккха Гуашовга хьожуш) Гуашов, и х1ун ду ахьа динарг?
Гуашов. (Суьртана т1аьххьара басарш т1екхуссуш) Бухит, ма дийцалахь, со сайна карийна суна и йо1 бахьана долуш. Декъала ве со!
Бухит. Декъалвойла… Дика сурт ду…Ч1ог1а!
Гуашов. Сурт ца дуьйцу аса… Зуда ялош ву со…
Бухит. Муха зуда ялош? Мила?
Гуашов. (Лисбергана т1е шен буйнара къолам хьажош) Лис-са!
Бухит. Муха…Лис-са! Дала барт цхьаъ бойла! Дала декъалдойла шу!
Дошсолт. Дала барт цхьаъ бойла! (Гуашов мара вуллу)
Лисберг. (Леррина хьожуш) Х1ей! Хезий шуна?
Дошсолт. Х1у боху ахьа Люся?
Лисберг. И мила ю аша Гуашовна ялош ериг?
Дошсолт. Муха мила ю? Хьо ю-кх!
Лисберг. Соьга а хаьттича новкъа-м хетар дацар шуна и?
Дошсолт. Дац дера! Иштта хьо хаза юйла хиинехь, хьо Гуашовга хьан кхочийтура яра!
Лисберг. (Со хьажийтийша оцу суьрте. Хьожий догг1елделла кеп х1оттайо)
Ц1уналоева. (Лечч1инчура схьат1ехьодуш, Лисберг схьалоцуш) Ва, Дела! Цо х1ун до? Леш йоллухьуна! Иштта мегар ду ткъа?
Дошсолт. (Сиха т1оьрмиг буха кхуссуш, охьахаайо Лисберг) Х1е-е, йо1, хьо ма ч1ог1а догк1еда долуш хилла. Суна-м хьо лом санна ч1ог1а стаг ю моьттура. Бухит, схьада хи ло соьга. Х1ара йо1 дог вон хилла ю моьтту суна.
Бухит. Хьуна маца гина аса хи молуш?
Дошсолт. Сан т1оьрмигна чохь ду хьуна шиша хи, схьалохьа и сихха.
Бухит. (Дошсолтан т1оьрмигна чуьра схьадоккхуш хин шиша кховдадо)
Дошсолт. (Шиша достуш Лисберган юьхьт1е хин т1адамаш тухуш) Эх1, ма ницкъала х1ума хилла-кх и ирс боху х1ума. Метта йола, ва Люся, ахьа х1ун до. Вонаг-м г1олехьа ма ловра ахьа.
Лисберг. (Метта йог1уш) Дошик, и х1ун г1ан дара суна гинарг? Ма хаза г1ан…
Дошсолт. Люся, дац г1ан! Бакъдериг ша ма-дарра! Хьо соьга йог1ур ярий… аьлча а сан доттаг1чуьнга йог1ура ярий хьо?
Лисберг. (Кхин цкъа а догг1елло кеп йо)
Дошсолт. (Сихха хи тухуш, Лисберг метта ялош) Ма! Ма г1олахь, тхо а дитий д1а!
Лисберг. (Меттайог1уш. Эхь хета кеп х1оттош) Ца хаьа суна-м…
Ц1уналоева. Цо х1ун до, 1овдал. Реза хила ва. (Лисберг маракъовлу)
Гуашов. (Ша диллина сурт д1агойту Лисбергна)
Лисберг. (Сурт гушшехь) Ю! Реза ю!
Дошсолт. Т1аккха дера сан доттаг1чуьнга хьо йог1ура ю аьлла хан йилла еза ахьа. Маца?
Лисберг. Ца хаьа суна-м…
Ц1уналоева. Кхана…
Лисберг. Х1ан-х1а, вай духадирзинчу шолг1ачу суьйрана.
Дошсолт. Ч1ог1а дика хир ду. Дела реза хуьлда хьуна, сийлахь йо1! (Хелхаран бал боккху Ц1уналоеваца)
Бухит. (Бал чекхбаьлча. Дошсолтана т1етаь1аш) Х1ара, Дошсолт, ахьа цхьана х1умана тидам бирий?
Дошсолт. Стенна? Суьртаний? Бира дера. Аса даима а бохуш дара, Люся вайца хилахь, вай толам боккхур бу!
Бухит. Гуашов, х1инццалца шен дахарехь суьрташна т1ехь дохк бен диллина ма вацара!
Дошсолт. И боху-кх аса а! Люся-м хьаха ю, стагах шена лаахь, пох1маллийн лом дийра долуш… Амма цунна дагадог1ий, цо оцу стагах…стагах…
Бухит. Хьакхин хуьрсе…
Дошсолт. …даман цу а бийр бу-кх! Критика, сан ваша! Критика-а! Корта! Цо-м кхоллархочунна ша-шена гойтий, шен дикачу аг1ора схьавеллаволийту! Ткъа адмах хьаькхин хуьрсе еш дериг-м малар ду! Хьайна тхоьца цхьаьна хила лаахь, оцу д1овшаца долу гергало дохон деза! Кхеташ вуй хьо, сан доттаг1?
Бухит. Кхеташ-м вара со дукха хенахь дуьйна, синницкъа ца тоьу-кх. Дошсолт, х1инца вай ц1а доьлхий? Нускал а эцна лаьмнашка хьалаг1оьртийла ма дац.
Дошсолт. Х1ан-х1а, х1инца «критика» вайн нускал ду, вайн гергара стаг а ю. Х1инца вайн цхьа барт хира бу, Дала мукъалахь. Х1инца вай оцу вайн литературан алигархашна т1е дерза деза. Царах вайгахьа вериг-воцург къасто веза. Хийраниг херван веза, вайниг вайна т1еверзон веза. (Велакъежаш) Нускал муха тасалуш ду а хьовсур вай, д1адоладеллачура. (Лисберге) Х1ара, Люся, оцу «динарчу берешка» ала х1умма а дац хьан?
Лисберг. (Озабой шен кочара муш, Мусост гала а воккхуш, цуьнан керара озабой схьабоккху. Шен кочара а схьабоккхий лаьтта кхуссу)
Мусост. Ой, хьо эца Дала д1а, вордана т1ера чу кхуссур-кх цо со!
Лисберг. Хьо хьайн динан техь 1аш вац!
Мусит. Виран т1ехь…
Дошсолт. Динах вир динарш шу ду! Турпалан динан т1емаш хедийнарш а шу ду!
Мусост. Тхо къоман яздархой ду, литературан императораш! Тхо вирвордана т1ехь лелон дезаш дацара, аша белшашна т1е а ехкина яхьан езаш яра х1ара ворда тхоьца цхьана!
Лисберг. Къомаца йолу уьйр шун д1ахаьдда дукха хан ю! Гонорарех, квартирех, даржех доьхкина аша вайн къам! Шу дийсса дезар ду оцу ворданара. И ворда туьйранех, дийцарех, байтех йоьттина хила езаш ю! Ткъа аша хьалакхуьуш болчу яздархошна а жигара масала гойтуш, татта еза ворда!
Думалоева. Хьо хьера-м ца яьлла, ва йо1? Ц1уня, схьайоьл кхузза суна улло, и цамгар хьайн оцу 1овдалчу коьртах а кхетале!
Ц1уналоева. Ца йог1у!
Думалоева. Йог1у!
Ц1уналоева. Ца йог1у! Со кхуза новкъа йог1уш цхьа х1ума дагадеъна суна.
Думалоева. Х1ун дагадеъна хьуна, суна а ца хууш?
Ц1уналоева. Аса мел язъйина байташ вовшах а тоьхна гуллар арахеца йоллу со.
Думалоева. Хьажал кхузза, сан хьоменаг, гуллар арахеца-м шортта ахча оьшу х1окху заманчохь. Т1ехула т1е и хьан байташ, шаеригш а бохург санна, сан ц1арах арахецна а ю сан «Т1урнене» журналан аг1ошна т1ехь.
Ц1уналоева. Х1ан-х1а, аса хьох къайлаха язъеш яра сайн синойлана уллора йолу байташ. Уьш масийтта гуллар арахеца таро йолуш гулъелла. Х1инца со со цхьаъ яц, соьца накъостий бу.
Дошсолт. Хьан кочара муш а хеди!
Лисберг. Гуларш, романаш арахеца ахча-м дера оьшу шортта. Вайн республикан ницкъаш г1ишлош меттах1отторна т1е бахана бу. Яздархошна г1о деш к1езига нах бу вайн бизнесхойх а. Хала Дела баленца книга арахецнарш а базаршкахь, туьканашкахь, поездан вагонашкахула буьйлабелла а уьш юхкуш лелаш бу. Яздархочунах «саг1адоьхург» вина. Вайнаха Юкъарчу Азера баьхкинчу «саг1адоьхучу бизнесхошна» эзарза дукха ахча кховдадо, вайн яздархошна г1о денчул а. Яздархо х1инцалерачу заманчохь дукха бизнесхо хила веза, яздархо хуьлучул а! Цундела хилла вайн Литертор-динах вир!
Мусит. Яздархойн Вовшахкхетар дан дезаш ду и г1о.
Лисберг. Яздархойн Вовшахкхетар и х1ун ю?
Мусит. Ца хаьа суна-м, цхьанхьа Москва-г1аларчу газетана т1ехь юьйцуш-м хезина суна и.
Лисберг. Суна ца хууш х1окху вайн махкахь х1ума а дац, суна-м дуьххьара хезаш ду и дош.
Дошсолт. Вайн барт бу Яздархойн Вовшахкхетар а!
Лисберг. Накъостий, шайн г1оматашех д1акъаста цкъа хьалха! Парг1атчу стага бен маьрша некъ ца бо.
Бухит. (Г1ийла хьожу Муситига)
Мусит. (Шиша д1акховдош) Х1а, д1алаца хьайна шиша, Бухит! И шиша т1ехьадаьлча гур ду вайна, шун барт муха хуьлу!
Дошсолт. (Лисберге) Бухитас и шиша д1амалахь, доьхна ду хьуна шадериг а.
Лисберг. Вай, Дела! Дика к1ант, п1елг хадий-кх аса! Човна т1е йотта йод ма оьшура суна!
Бухит. (Шиша д1алачкъош, д1аса хьожу къу санна) Х1ах1? Дика к1ант хьанах элира ахьа?
Лисберг. «Дика к1ант» эра ду-кх аса хьох х1инца дуьйна, хьан ц1е йоккхийла а ма дац. Марваша ларалуш вац хьо?
Бухит. Несана г1о ца дича ца долу… Йод мичара ер яра тешна? Хьуна ца хаьа, Дошсолт?
Дошсолт. (Бухитан четахь доллучу шишана т1е п1елг хьажош) Йодана метта иза а мегар ду.
Бухит. (Вухий д1аса хьожу. Шиша эгош долчу куьйгашца д1акховдадо) Х1ах1, тхан нус, цхьажимма т1е а доттий схьалолахь юха…
Лисберг. (Шиша схьа а оьций, йистаха а йолий п1елгана т1е дутту кеп х1оттош, шадолу шиша охьадутту. Елалуш Бухите) Ой, Дела реза хила хьуна, Дика к1ант! Хьо ца хиллехь гангрена хила там болуш г1уллакх дара хьуна и. Сан дахар к1елхьара даьккхи-кх ахьа! Цхъа к1ант ву-кх хьо!
Бухит. (Т1евоьдий десачу шишане хьожуш) 1алелай! Ма боккха а хилла и хьан п1елг, тхан нус! Мел к1езига а, иттех стаг лийччал дайъи-кх ахьа и «дарба».
Дошсолт. Х1умма а дац, сан доттаг1. Хьан кочара а муш д1абели тахана-тховса дуьйна!
Лисберг. (Ворданахь 1аш болучаьрга) Х1инца шу х1ун дагахь ду? Кхин д1а вайн некъ бихкина бу, шу ворданара диссалца!
Мусост. (Ца вешаш) Некъ лаьцна цхьа а-м вац цигахь? Вай-м нускал эцна доьлхуш ма дуй.
Дошсолт. Некъ лаьцна-м вац, некъ хадийна-м ву.
Мусост. Мила ву вайн некъ хадон ваьхьанарг? Иштта майрачу стаге-м х1умма а ала ваьхьара а вац!
Дошсолт. И майра нах шу ду-кх. Ворда кхин д1а хьаланехьа г1ура яц шу т1ехь 1аш мел ду! Дийсса дезар ду ворданара!
Думалоева. Ва, орца дала! Разбойникаш!
Дошсолт. Робин Гуд а хилла боху разбойник. Вон стаг-м ца хилла и делахь а!
Думалоева. Бандиташ! Бандиташ!
Дошсолт. Оцунах а цецдевра дац дуьненчуьра къаьмнаш. И-м х1ора кавказхочунах а олуш ма ду вайн пачхьалкхан СМИ-шкахь.
Думалоева. Со х1окху ворданара йоссо стаг вац-кх дуьненчохь!
Дошсолт. Уггар коьртаниг, хьо-хьуо йоссар ду! Вайн барт хила беза! Ницкъала мерза хир бац шекаран б1елиг а! Хьо кхета езар ю.
Думалоева. Со ца кхетта лара мегар ду-кх хьуна.
Дошсолт. Мегар ду, делахь. Цкъачунна хьо хьенйийра яц вай. Хьо-хьуо йисича атта хир ду хьоьца дийца. Люся, хьан шеф а ду моьтту суна аьчиган б1ара.
Лисберг. (Дошсолтига) Цкъа хьалха Мусит кхетон хьовсур вай. Цхьаъ хьалха ваьлча, т1аьхьах1уьттур бац техьа вуьйш а? (Муситига) Мусит Ванванович, хьоьга ала цхьа х1ума дара сан, схьаволахьа кхузза.
Мусит. (Сихлой т1евог1уш) Люся, и х1ун дара ахьа суна аьлларг? Со нахала ваккха дага-м ца деъна хьуна? Можачу прессин методашца болх бан йолаелла хьо?
Лисберг. Ас кхоьллина дац и-м, Их ван ца хилла шун ден ц1е?
Мусит. «Их» ца хилла, вайн Ван хилла.
Лисберг. Нийсса боху-кх аса т1аккха - ВайнВанович.
Мусит. Ткъа стенна кхойкхура ахьа?
Лисберг. Сан г1уллакх-м чекхдели. Хьо ворданара охьавосса ван г1ертара со-м, хьайн амалца. Хьо «халкъан яздархо» еза ц1е лелош вуй?
Мусит. Ву дера.
Дошсолт. Велахь дера веза халкъаца хила.
Мусит. Халкъаца ву со-м.
Бухит. Шеф, халкъ х1оккхузахь ду-кх.
Мусит. Стенгахь? (Бухитина гуо тосуш хьожу)
Бухит. (Шена т1е п1елг хьажош) Хоккхуза!
Дошсолт. Мусит, и ворда б1е шарахь тхан раг1у к1елахь х1ун мохь т1ехь болуш лаьттина хаьий хьуна?
Мусит. Суна стенах хуур ду шун раг1у к1елахь дериг.
Дошсолт. Тхан дайх дисинчу туьйранех юьззина лаьттина ю хьуна и б1е шарахь.
Мусит. (Вордане хьожий корта ластош) Дера х1инца цунна т1ехь дериг-м сатирин гали ду.
Думалоева. Хьан туьйрин, сан туьйрин - ца хаьа суна, со х1окху ворданах ца йоккхуш барт белаш цигахь.
Дошсолт. Дера, Мусит, хьо царах уггар хьекъал алсама долуш ма хета суна. Бартана юккъе волахь, хьоьгара г1о оьшу-кх хьо хаьржинчу хьан халкъана.
Мусит. Аса х1ун г1о дийра ду оцу къомана, массара а охьата1ийна лаьтташ долу.
Мусост. Хьан охьата1ийна вайн къам? Цо х1ун юьйцу?
Дошсолт. Дера вайн халкъана кочахь 1аш дукха нах ма бу: чиновникашна-бюрократашна т1ера д1абуьйлабелла саг1адоьхургаш-бизнесхошна т1е кхаччалца. Масех шо хьалха вайн нахана г1ишлошярхойн белхаш а нислора. Ткъа х1инца вайн наха нохчочун балхах дала дог1уш долу итт туьма ца далан, шина туьманах вьетнамцийн, китайцийн, таджикийн, узбекийн, шайн махкахь совбевлла лелаш болу нах лоцу.  Вайн эхь, оьздангалла х1ун ю ца хуу, г1ишлойн-бизнесхой кхечу пачхьалкхара бакъо йоцуш т1ебаьхкинарш бу вайн белхан меттигаш д1алаьцна 1аш, шайн ден ц1а баьхкича санна вайн маьхкаршка маьттаза бегаш а беш, вайх баша а ца бешаш. Ткъа вай, уьш хьеший бу, бохуш, цаьрга дош ца олуш, бага а къевлина 1аш ду. Оцу «хьешаша» вайн оьзда г1иллакх хьаьшина д1адоккхура ду орамашца цхьана! Наркотикийн д1аьвшан 1уьрг Афганистанера дуьйна Юкъарчу Азехула схьадиллина ду. Юкъарчу Азера «саг1адоьхургаша» вайн х1орана керта чу а бог1уш ц1а, ехаш йолчу пачхьалкхашкахь пицца санна, схьайохьу и наркотикаш а, т1ехула т1е вайгара «йог1уш йоцу ясакъ» а йоккху цара, саг1а доьху бохуш. Х1умма а озала, мацалла к1елабисина а бац и «саг1адоьхургаш» дукхахьолехь. Вайн къоман лаг лаьцна цара массара а, ког баккха меттиг ца битина, массанхьа а хаза хьалайинчу г1аланийн урамашкахь, уьш бехдеш 1аш бу уьш х1ора ког д1а мел боккху. Вайн керла йинчу базарахь хьокхамаш духкуш вилспетахь лелачу къайкхаза т1ебаьхкинчу кегийрачу нехан куьйгаш гиний хьуна, уьш-х дац цкъа а хи х1ун ю хиина а. Оцу боьхачу куьйгашкара, дораха хиларна, вайн мискачу наха оьцу и хьокхамаш цаьргара. Цамгарш ца даьржина х1ун хир ду вайн халкъана юкъехь? Кхин дагардой хьуна вайн къам охьата1ийнарш. Аса-м х1инца а вайн чиновникаша вайн халкъана т1ехь латтош долучух дош а ца аьлла хьуна. И-м ас ца аьлча а хьуна дика хаьа, шу а ду оцу тобана юкъа дог1уш, хийца ца лахь. Халкъ цхьана аг1ора ду, ткъа шу вукху аг1ора. Халкъехьа г1улч яккха, цуьнан лай хила, хийрачу нахе вайн вешан пачхьалкхехь вайх лай а ца дойтуш! И ду сийлахьа!
Мусост. Со 1амон г1ерта хьо, селхана бен агана чуьра воьссина а воцушехь?
Лисберг. Шеф, хьан карьерех 1уьрг долуш санна хета-кх суна.
Мусост. (Кхеравелла гонаха хьожуш) Х1унда бохура ахьа, Люся? Суна ца гуш дериг го-кх хьуна даима а.
Лисберг. Дера, шеф, аса хьан кхоллараллин хала Делан балийца йоьттина йолу лард, йоха мегаш ма ю. Халкъана хьо ма-варра д1авовзийта йоллу со. Я халкъехьа хила веза, я цунна дуьхьала – кхинарг хилан йиш йоцуш ду.
Мусост. Люся, премиальни…
Лисберг. Х1ан-х1а!
Мусост. Люся, 1аьржачу х1ордана йистте путевка!
Лисберг. 1аьржачу х1ордан йистехь 1аьржа дог долу нах товш хир бу.
Мусост. Ой, цхьана-шина дийнахь малхехь 1аржлура ма ю хьо.
Лисберг. Вайн оьзда зударий цкъа а ца лелла х1ордан йистехь 1оьхкуш 1аржлуш. Оьзда боцурш-м баьржина вайн х1инца, къечу стеган кетарна юккъехь мезий санна.
Дошсолт. Микроавтобусна чохь хези суна деношкахь цхьана хан иккхинчу йоккхачу зудчо дуьйцуш. Х1орда йистте а яхана, батт разйохуш 1уьйшуш сег1аз а долуш, ц1а йог1уш яра и. Дозалла а дора цо оцу шегара даьллачу «хьуьнарах». Цунна евзаш йолчу жимчу зудчо хаьттира цуьнга, хьо стенгара йог1уш ю аьлла. «Дера лоьраша йовхачу г1амарна т1ехь когаш латтабе ма аьллера соьга. Моря-я т1е а яхана йог1уш ю-кх со!», - дозалла дора йоккхачу зудчо. «Дера вайн хин йистехь и йовха г1ум к1езига а йолуш-м ца яхана хьуна хьо цига кхаччалц когаш бохбан», - шена а дагахь а доцуш элира жимчу зудчо. Йоккха зуда ч1ог1а реза йоцуш йисира. Багара сег1аз а совдаьллера цуьнан, басарой, дегабаамой олладинчу балдина.
Лисберг. Шеф, со марехь зуда ю, кхин и санна долу х1уманаш суна ма хазийталахь, аса дера ву хьо майрачуьнга д1а а аьлла мадвойтура! Восса ворданара! Дукха деза ду хьан къинош оцу ворданахь текхон! Къинойх дохковолу хан т1екхаьчна!
Мусост. (Д1аса а хьожуш) Ца вуссу…со.
Лисберг. Москва-г1алахь хьан кхолларала девзара долуш ду-кх ша ма-дарра.
Мусост. Люся, 1овдал ма лела! Цо х1ун дуьйцу. Со… Пушкин…Толстой…
Лисберг. Дийцаршна т1аьххье сан статья а г1ура ю!
Мусост. Вуссу, ва вуссу! Вуссуш ву ма элира аса. Къаръелла (оглохла)  хьо, ва нах!
Дошсолт. Ворда татта езар ю, «шеф».
Мусост. Татталур яц соьга… шаьш татта. Ворданара воьссича тоьур ду.
Дошсолт. «Халкъан яздархо» хьалха ваьлла хила веза. Тхо кегийрхой яздархой шуна т1аьхьа девлла хила деза. Аша бан беза вайн барт!
Мусост. (Хала охьавуссуш) Со-м ваьккхира аша охьа, амма оцу вордана т1ехь 1аш йолу заббари яккха хьажал шу охьа.
Дошсолт. Вай массо а тохаделча г1улкх хир ду. Ахьа а, Муситас а г1о дан деза.
Мусост. Муха.
Дошсолт. Шуна дика евза иза а, цуьнан ледара меттигаш а.
Мусит. Шаериг а ю-кх.
Дошсолт. Х1ун – шаериг а?
Мусит. Ледара меттиг… шаериг а!
Дошсолт. Уггар ледарниг?
Мусост. Дарж. Оцу балхара д1аяккхахь, когаш а хьаькхина котам сана елла д1ер йолуш ю-кх.  Цуьнан байташ аса сайн журналана а километр аьттехьа йохкийтур яц.
Лисберг. Суна хаьа цуьнан уггаре а ледара меттиг. (Вовшен т1е а гуллой шабар-шибаршца къамел до Лисбергас, Дошсолтас, Муситас, Бухитас)
Дошсолт. (Ц1еххьана мохь туху) Ва, орца дала! К1елхьара довлалаш, ша валалуш вериг! Саьрмак бог1у и д1о хьуьна юккъера! Къорза корта гучубели шуна! Ц1ераш а етташ, цергаш а хьекхош!
Лисберг. (Ц1ог1 хьокху) Ва, орца дала! Со саьрмаках кхоьру!
Ц1уналоева. (Хиллачух ца кхеташ ц1ог1 а хьокхий дог г1еллой охьаюжу) Ва, устазаш!..
Лисберг. (Ц1уналоева хьалаайян г1ерташ ц1ог1 хьоькху) Ва, орца дала! Г1о де суна, х1ара йо1 оцу саьрмико д1акхоллур ю х1инцца!
Думалоева. (Вордана т1ехь ц1ог1 а хьоькхуш д1аса хьийза) Ва, Дела! Со ма яийтийша оцу саьрмике! (Ц1уналоеван догг1елделла хилар а гой оьг1аза йоьду) Ц1уня! Хьо саьрмико яахь, аса х1ун дийр ду? Сан Ц1уня! Сан байташ! (Ворданара йосса г1урту, амма хала ду) Ва, орца!.. Г1о дайша суна охьайосса!

(Дошсолт, Мусит, Бухит, Мусост, Гуашов т1ехьодий г1о до Думалоевна охьайосса)

(Ц1уналоевана т1ехьоду, Лисберг д1а а тоттуш, цуьнгара схьайоккху Ц1уналоева, шен кера цуьнан корта а буьллуш охьахуу. Елха йолало) Ва-а, сан йо1, хьо кхузахь а йитина со д1аг1ура яц хьуна. Оцу саьрмике вайшиъ а йоийтура ю-кх аса, хьо кхузахь ца юьтуш! Ва-а, ма декъаза нах ду-кх вай зударий!

(Массо а гуонаха х1иттина боьлуш лаьтташ бу)

Шу х1ун деш лаьтта, д1адовда! к1елхьара довла! Тхойшиъ текхалур яц шуьга!
Дошсолт. Х1умма а дац, деца, тхаьш а доийтур ду оха оцу саьрмике!
Думалоева. Д1адовда, дукхадахарш! К1елхьара довла! Шу а оцу саьрмико даахь, вайн литература бух хаьдда юьсур ю!
Лисберг. (Т1е а йоьдий, цхьаммо шега кховдийна шишана чуьра хи юьхьт1е а тухий меттаялайо Ц1уналоева) Ц1уня, меттайола. Ахьа х1ун до? Оха-м бегаш бой. Цхьа а саьрмик а бац хьуьнхахь.
Думалоева. Муха бац!
Ц1уналоева. (Меттайог1уш) Со мичхьа ю? Шу муьлш ду?
Лисберг. Тхо ду… хьан накъостий. Хьалаг1атта сихха вай новкъа довла дезаш ду.
Думалоева. Ц1уня, хьалаг1атта сихха, вай ц1а даха дезаш ду.
Дошсолт. Лаьмнашка!
Думалоева. Цо х1ун лаьмнаш дуьйцу? Вай ц1а ца доьлху?
Дошсолт. Деца, вай х1инца ц1а г1ахь, т1аккха хедар бу вайн литературан бух. Цуьнан т1аьхье а хир яц хила ма еззара, сийлахьа! Вай лаьмнашка хьалаг1орта деза, массо а цхьатерра вайн ворда а тоттуш! И бу вайн сийлахьа нийса некъ!
Думалоева. Соьга татталур юй техьа и ворда?..
Дошсолт. Х1умма а дац, деца, вай массара а шайга татта луччу кепехь тоттура ю. Цхьаммо ницкъала татта а тарло, вукхо, шен ницкъе хьаьжжина татта а мега. Амма вай массара а цхьа барт а болуш, вовшен г1о а деш таттахь вайн ворда уггаре а лекхачу лома буьххье ер ю! Вайн дин т1ема бер бу, дуьненна т1ехула леккха ойбура ду цо вайн литературан сий! Хьалхата1алаш накъостий! Лаьмнашка! Лаьмнашка! Сийлахьчу ирхене!

(Дошсолтас юьхь лоцу виран. Вуьйш массо а ворда татта буьйлало. Вордана ч1ургаш хьийза йолало. Вир 1еха долалой юкъахдолуш, говрах тера тарса долало. Нохчийн шира эшаран мукъам хеза сцени т1ехьара схьа)

                Чаккхе.