Йокъанах а, йочанах а лаьцна

Сайд -Хамзат Нунуев
Йокъанах а, йочанах а лаьцна.

Забаре хабарш.



     Юьртарчу наха, белхий а бина, моллийна ломахь дуккха а йол хьаькхна хилла. Амма т1еиха дийладеллачу дог1анаша и йол д1алехьа ца дуьтуш, йол  яхкалуш хила.
     - Йочана маца соцуръютехь? – хоьттуш хила моллига юьртарчу наха.
     - Кестта совцур ю. Саг1аш дохур ду вай, олуш хила моллас. Амма, бежнаш а дайина,  саг1аш даьхчи а, йочана соцуш ца хила.
     Моллин йол а кхоччуш яхкаелла. Догдаьтт1а 1аш хила молла.
     - Маца совцур ду х1ара дог1анаш? – юха а хаьттина наха моллига.
     - Совцур а дац! – т1ечевхина, девне ваьлла молла, – кх…ха  баьтт1а стигалан!


    ***

     Дог1анаш севцна, йокъана х1оьттина хила Макажахь. Шовданаш лекъна, хиш жимделла, б1арзбелла хьийзаш хила ч1ебарлой.
     - Х1ун де оха? Дойуш ду-кх тхо цу йокъано? – генарчу моллина т1е бахана нах.
     - Саг1аш даха деза, бежнаш а дойуш, - хьехара дина моллас.
     Ч1ебарлоша саг1аш даьхна, амма мархаш, гучу а евлла, аренга охьа яхана, дог1а а эцна.
     Юха а саг1аш даьхна ч1ебарлоша, амма мархаш юха а гучу а евлла, Суьйличу д1аяхана, цигахь дог1а 1анийна.
     Саг1аш мел доху а, мархаш гучу а йовлий, лулахошна йоьлхуш хила, дог1а а оьций.
     Юха а моллина т1е бахана ч1ебарлой. Дерриге а д1адийцина.
     - Аш ма-дарра ца дуьйцу, суна шу девза, - аьлла моллас. – И саг1аш шайн бежанаш а дойуш, дахал аш, лулахойн лечкъийнарш а ца дойуш. Т1аккха дог1а шуна а дог1у ду…

   ***