Декъаза диалог - 3

Сайд -Хамзат Нунуев
      Декъаза диалог – 3

     - Кху дуьненан мичча аг1ор ваьлла а, нохчий боцучахь вехар вара-кх со.
     - Дера, хьо атта-м 1ийр вара.
     - Хьуна со бакълуьйш хетий?
     - Дера хета. Цхьанцца а г1иллакх, оьздангалла, эхь-бехк, гергарло лело ца деза. Даьккханарг къаьркъанаххе, юучаххе доьхкачахьанна ваьлла. Бераш дойтуш, уьш кхиош къахьега а ца деза, эцциге цхьа ж1аьла я цициг эцчахьанна. Зударий а – шортта бу. Хьан зудчун майранаш - кхи а дукха бу. Чохь 1ен х1усам а 1едало луш ю. Ламазаш деш, марханаш кхобуш къахьега а ца деза. Велча а 1едало цкъа морга чу кхуссур ву, т1аккха, и тезеташ х1иттош, саг1аш дохуш,  цхьанна а бала а ца беш, чим бина, вагор ву. Мел атта ду нохчий боцучахь ваха! Ирс ду-кха, ялсмане!