Ирс

Иса Махмудов
Ирс, ма долахьа 1уьйре а хилий,
Суьйренца хийца ло и,
Ма долахьа хьаша а хилий,
Хьаша а дукха ца 1а,
Хьо лепахьа сирла нур хилий,
ЗІаьнаршца юьхь къагаеш.

Ирс, ма лелахьа суна хьо уллохь,
Со г1ийла хьайх хьега а веш,
Ма дисахьа г1аннабар хилий,
Юхдерзо цхьа аг1о йоцуш,
Хьо хилахь даима соьца,
Со кхуллуш кхоьллича санна.

Ирс, къовсахьа сан г1айг1анца ахьа,
Доь дойуш и эша а еш,
Ч1аг1дехь соьх къаьстар дац алий,
Сан дог хьайх теша а деш.
Къовлахьа, хоьцур бац алий,
Хьайн мара сан дахаран некъ!