Куралла

Иса Махмудов
Куралла, ахь лар сан толлу,
Катоха бахьана лоьху,
Ойланца хьо къахко г1ерта,
Ца къарлуш, дагах хьо хьерча.

Куралла, гергара яц хьо,
Даима герга хьо хьийза,
Со 1ама г1ерта хьох лачкъа,
Ткъа хьуна караво со атта.

Дахарехь цхьа толам хилча,
Хьайн х1илла карла ахь докху,
Ахь деъна дика ца дайна,
Ахь лаьцнарг сий дайна, вайна.

Ахь 1ехош, сан корта уьйбу,
Сайн долахь х1оьтийтуш дуьне,
Хер во ахь безачу нахах,
Со левеш, эшо хьо г1ерта.

Сайна хьо гергахь ца гайта,
Аса-м хьо д1атоьтту гена,
Яц аьлла парг1ата ваьлча,
Хьо хилар ахь хаам бо.

Ларавац кхин хьоьца къийса,
Бертахьа къатахьа соьха,
Даггара ас доьху хьоьга,
Ялахьа тховссехьа гена.