Адамаш алийша аша х ун къуйьсу?

Иса Махмудов
Ойланаш, г1айг1анаш, со-м карзахвоху,
Жоп доцу хаттарш сан коьрте хьийза.
Дуьнене б1аьрг бетташ, со-м цец а вуьйлу,
Адамаша лелочух со кхета г1ерта.
Малхе а, батте а со дукха хьежна,
Дей-буьйсий, цушимма къуьйсуш, ца дайна.

"Тийналлехь, 1индаг1ехь, бутт, хьо ма беха,
Хьуна-м ша некъ гойту чатакхийнчу тачано.
Седарчий лечкъаргех хьоьцанна ловзу,
Ткъа дуьненна йовхо луш, со-м ц1ергахь богий", –
Аьлла, бехк ца боккху баттера малхо.

"Сийналла яьржинчу стиглахь а кхозуш,
1аламо хаздинчу лаьтта а хьоьжуш,
И дохдеш, и тодеш, йовхонца хьоьстуш,
Хьо-м, ч1ог1а къегийна, ма парг1ат беха».
«Боданехь кхоьруш, седарчашка кхойкхуш,
К1еззиг йолу сайн серло, нур а деш, ягош,
Шелоно г1орош со-м хала лелий», –
Аьлла, бехк ца боккху малхера батто.

Адамаш алийша, хаттарна жоп лойша!
Маьлхан а, беттан а серло гуш долчу,
Стигланий ц1еналлех шаьш 1ебаш долчу,
Іаламан хазаллехь шаьш дехаш долчу,
Аша-м х1ун къуьйсу, стенга са туьйсу?

10 май 2014 шо Махмудов 1ийса