Ислам Нахистанехь

Сайд -Хамзат Нунуев
«Ислам – Нахистанехь»

Бурчаев Хьалиман рецензии.

 

Иштта цIе ю вевзашволчу яздархочун, публицистан Нунуев Сайд-Хьамзатан дIадаханчу шеран ноябрь баттахь араяьллачу керлачу киншкин. «Нахаш – исламехь» аьлла цо язъян дагалаьцначу цхьамогIа киншкех хьалхарниг ю иза. Барамна йоккха, дикачу суьрташца тIеюьзна, 500 агIо йолуш Iилманан болх бу и.

Стенах лаьцна ю и киншка? ХIун керланиг аьлла те автора шен керлачу балха тIехь? Цо пайдаэцначу архивийн материалашка а, иза тIетийжинчу кхечу авторийн дуккха а белхийн цIершка а хьаьжча, гуш ду хIокху балха тIехь автора масех шарахь къахьегна хилар.

Нохчийчу а, ГIалгIайчу а ислам-дин кхачарх а, иза цигахь чIагIдаларх а лаьцна Iилманан болх бу и киншка. Монографин бухе йиллина ю Нунуев Сайд-Хьамзатан кандидатски диссертаци, и цо кхочушйира Россин Президентан Госслужбин Академин диссертацийн кхеташонехь, цигахь дакъалоцуш бара МГУ-н (Москвара Пачхьалкхан Университет) бевзаш болу философаш а, динан Iилманчаш а.

Ша талла леринчу темин кIорггера анализ яр автора дIахьо ткъолгIачу бIешеран тIаьххьарлерчу итт шарахь Къилбаседа Кавказехь дIабаханчу хиламашна тIе а доьгIна. Талламо шена чулоцу мур – ХV-ХХ бIешераш.

Шен дешхьалхехь автора билгалдоккху, I994-чу шеран декабрехь Къилбаседа Кавказехь, иштта Нохчийн Республикехь а, дIадоладеллачу тIеман политически дуьхь-дуьхьал латтаро вайн пачхьалкхана а, юкъараллина а Iаламат даккхий дараш дина хилар. Оцу хиламашкахь ислам-динах шайн Iалашонашка кхачарехь говза пайдаийцира цхьаболчара.

ТIаьххьарчу шерашкахь кIезиг ца яздина вайн республикехь а, цунна гондхьа а хIетахь дIабаханчу хиламех лаьцна, иштта нохчийн сепаратизмах а, терроризмах а, исламан фундаментализмах, исламизмах, цара тIеман политически дуьхь-дуьхьал латтарехь кхочушдинчух. Публикацеш тайп-тайпана ю, цхьацца болчарна шен-шена хетарш, цхьамогIа наха шайггара кхоьллинарш, бакъдолчунна тIетийжаш бина талламаш а. Амма дукхахдерг политически заказах дозуш дара. Нунуевс билгалдоккху: «Къилбаседа Кавказехь хIетахь хиллачу дуьхь-дуьхьал латтаро хийцира Россин юкъаралла, вочу агIор тIеIаткъам бира социально-политически а, социально-психологически а дахаран дерриге а дакъошна.

И хилларг билгалдаккха деза халкъан геноцид а, къоман бохам а санна. Схьагарехь, хан оьшур ю оцу бохаман бахьанаш ма-дарра дийца, иштта хIоьттина хьал тIаме ца дерзо ницкъ а болуш, амма тайп-тайпанчу бехказлонашца и кхочуш ца динчу политикийн а, правокаторийн а цIерш яха а».

КхидIа автора билгалдоккху «хIинццалц схьа ма-барра маьршачу Нохчийн Республиках а, иштта ислам-динах а лаьцна политикин Iалашонех бозуш боцу Iилманан талламаш» а бина цахилар. ЦIе ца яьккхина билггалдолчу бахьанийн, жоьпаш ца делла юкъаралла карзахъяккха аьтто хIунда белира, малхбалехьара ницкъийн провокацияран проект кхочушъяр оццул кхиаме хIунда хилира бохучу хаттаршна.

Нунуевс цIе йоккху коьрта бахьанин: и ду дахаран хьелаш доьхна  хилар, бахархойн белхазалла, ткъа и къаьсттина кIаргделира 90-чу шерийн юьххьехь СССР-н Минфин а, Госплан а рынкан юкъаметтигашна тIеяьлча, тIаккха сацийра пачхьалкхехь юьртбахаман гIишлошъяран программина финансированияр, ткъа цу декъехь и корматалла караерзийна волу 300 сов нохчи кхин болх боцуш бисира. Уьш ма бара ткъа дог резахилла майданашка арабевлларш, цабашарца «шабашникаш» аьлла цIе а тиллина, иттанаш шерашкахь шаьш сийсаздинчу коммунистийн Iедална дуьхьал гIевттинарш.

Бусалба дин нохчийн а, гIалгIайн а тукхамашний, юкъараллашний юкъадар (ХIII-ХV-гIа бIешерашкахь дуьйна) дIадоьдура, «бусалба вежарийн» санна, халкъан цхьабарт хилар чIагIлуш аьлла, билгалдоккху автора.

«Ислам, схьагарехь, уггаре хьалха тIеэцна Дашо Ордан заманахь Нохчийчоьнан къилба-малхбалера Симсим пачхьалкхехь (хIинцалера Нажи-юьртан а, Гуьмсен а кIошташкахь). И бусалба пачхьалкх шайн динехь йолчу Ордаца цхьабартболуш а хилла, ткъа оцу хенахь къилба-малхбузера бахархой (маьлхий, мIайстой, лам-аьккхий, гIалгIай) дукхахберш керстанаш а, лам-керстанаш а (язычникаш) хилла, цара кхочушдийраш ширачу Iадатийн тIедахкарш а хилла.

Ордан олалли кIел йоцчу маьршачу Нашхара бахархоша бусалба дин тIеэца долийна шаьш арен тIехь баха охьаховшаре терра.

Дашо Орда йоьхна, амма ислам-дин Кавказан лаьмнийн когашкахь чIагIделла дисина, хIунда аьлча цуьнан гIиллакх-оьздангаллин ламасташ, бахархошна юкъахь нийсой, маршой а ларъяран законаш шайн Iадатийн законел а царна тайна хиларна, бакъду Iадат а, шариIат а коьртачех долчу дуккха а хIуманаш тIехь цхьаьнадогIуш хилира», –  боху Нунуевс.

ХV-ХVI-чу бIешерашкахь дукхахболу нохчий бусалбанаш хилла хиларна тоьшалла ду цара шайн кхелхинарг дIаверзоран ламаст кхочушдар аьлла, яздо автора.

Оцу заманахьлера  (нийса аьлча, I405-I406 шерашкара) ду Плиево юьртара (Несаран кIошта) БоргIа-каш зерат, иштта хIинца вайн махкахь хIинца а болуш болу бусалбанийн архитектурин кхин а хIолламаш.

Нохчийн а, гIалгIайн а махка ислам дIасадаржаро аьтто бора церан ГIебартара, ГIумкийчуьра, ГIирмера бахархошца экономикин, культурин, политикин а зIенаш таса. Иштта чIагIлора Османан Турцица (Хонкара), ГIажарийчоьнца (Персия) а юкъаметтигаш лелор.

ХV-ХVII бIешерашкахь вайнехан махкахь ислам-дин чIагIдалар доккхачу маьIнехь дара ламанхошна массо а агIор.

Арен тIера латтанаш карадерзорца кхуьура юьртбахамаш, даьхнилелор, тайп-тайпана корматаллаш, йохк-иэцар лелор а лакхаделира, оцу дерригенна тIедоьгIна, халкъ кхетара, мел пайдехь ю шена исламан сийлаллаш.

Халкъан ширачу хабаршца вайн замане схьакхаьчна вайнехан юкъаралле дуьххьара бусалба дин деанчу хьехамчийн цIерш, сийлахьчу АстагI-Тимарна тIера схьа: турпала Термола, Бата, Берс-шайх, кхиберш а.

Лекхачу лаьмнашка хьала еххачу хенахь а, массанхьа цхьабосса доцуш а кхаьчна ислам. Цунна тоьшалла до археологийн хаамаша, Iилманан талламаша, барта кхолларалло а.

Къилбаседа Кавказ дIалацар ша дIадолийча, оьрсийн паччахьан Iедал кхийтира шена дуьхьал лаьттарш, царна цкъа дуьххьара хеташ ма-хиллара, ах-акха, цхьа а барт я низам а доцу тукхамаш цахиларх. Шайн маршо а, мохк а ларбан доьналла а, цхьабарт а болу ламанхой дуьхьалбовлар бахьанехь Iаламат баккхий тIеман ницкъаш Кавказе оза дийзира империн – шийтта дивизи. (Иштта дустар далийча: Наполеонна тIехь толамбаккхар кхочушдира оьрсийн цхьайтта дивизис).

«Къилбаседа Кавказера дерриге халкъаш, цаьрца цхьаьна нохчий а, дагестанцаш а, Россин империна юкъадалор маьршачу, церан шайн лаамехьчу кепара кхочушдалур дара, нагахь Россин Iедало, гуьржийн паччахьашца санна, шайн политикехь, тIеман-политически ницкъбар а доцуш, экономикин а, культурин а хьежамаш хьалхабаьхнехь. Амма хаьржинарг къизаллица халкъаш хьашаран тIеман некъ бара. (Изза хьал хIетахь ма-хиллара дIахIоьттира хIинц-хIинцца Нохчийчохь дIадаханчу итт-пхийтта шарахь а). И дерриге а Iаламат бехачу, бохамечу тIаме дирзира (I834-I864 шераш), изза ду карарчу хенахь дIахьошдерг а», – яздо автора. Иштта кхидIа а боху цо:

«– Россис Кавказехь, къаьсттина Нахистанехь, дIаяьхьна политика, ламанхой къизаллица хIаллак а беш, церан латтанаш шайн карадерзорна тIехьажийна яра. Ма-дарра аьлча – нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш хIаллакдар. Цунна тоьшалла ду оьрсийн монарха Николай I-чо Кавказан сардале И.Ф. Паскевиче яздина кехат: «Цу кеппара цхьа сийлахь гIуллакх чекхдаьккхинчул тIаьхьа (I828-I929 шерашкахь оьрсаша туркошна тIехь баьккхина толам бу буьйцург – С-Хь. Нунуев), кхин цхьаъ а ду хьуна хьалха лаьтташ, суна хьалха иштта сийлахь а долуш, ткъа хинболчу пайданан ойла йича, цул а доккхачу маьIнехь – ломара халкъаш гуттаренна а къардар я къарцалурш берриге а хIаллакбар».

Таханлерчу оьрсийн юкъараллехь шуьйра даьржина ду исламах а, Кавказан халкъах а мостагIий бар, Россера кхечу халкъийн къоман кхетам жигарбаларе кхерамца хьоьжу и, бохуш яздо Нунуевс. Шуьйрачу хаамийн гIирсаша малхбален проекташ кхочушъеш оьрсийн юкъараллина харцкхетамаш ло ислам-динах, цуьнан коьртачу синмехаллийн хьостанех – КъорIанах, суннатех, ШариIатах а аьлла, тIечIагIдо автора.

«Шена чохь дуккха халкъаш дехаш, дуккха а динашкахь бахархой болчу пачхьалкхехь, цигарчу халкъийн бIешерашкахь дIахIиттина ламасташ, гIиллакхаш, амалийн башхаллаш тидаме а ца оьцуш, тIеэцна законаш оцу халкъаша массо а агIор къобалцадарна, тIецаэцарна, кхочушцадарна тIедогIу, ткъа и законаш шайна кхоьллина гражданаш уьш кхочушцадаран некъаш лахарна тIебоьрзу. Иштта дIахьочу гIуллакхо юкъараллехь цаларам кхуллу Законе а, Iедале а, гражданаш шина кепара бахарна тIебуьгу – «Iедалан законо» ма-боххура а, «шайн халкъан гIиллакхаша» ма-боххура а аьлла, нийса билгалдоккху Нунуевс.

ХIокху талламехь коьрта меттиг дIалоцу сийлахьчу эвлаяан Кишин Кунта-Хьаьжин дар-лелоро. «Шен хьехамашкахь Кунта-Хьаьжа вайнехан къоман башхаллех кIорггера ша кхетарна тIера схьавогIура: къомана шен бохамах (Кавказан тIамах) хьалхадаьлча машаре хан оьшу, шен дегIаца а, ойланашца а, хьежамашца юха а къам хилла дIахIотта, шен ницкъ юхаметтахIотто. Кунта-Хьаьжин хьехаман некъ, коьрта Iалашо, хIаллакьхилар а доцуш, юхадендаларе кхайкхар яра. Кунта-Хьаьжа даррехь дуьхьал вара «тIаьххьарчу нохчичунна тIехIотталц империца дIахьочу къийсамна», нохчий кIезиг бу, цундела царах хIора а декхарехь ву шен халкъан синлокхаллин бIогIам хилла дIахIотта, имам Шемала ламанхошна юкъахь дIахьочу тIаме гIитторан кхайкхамашка ладоьгIна, беккъа цуьнан лаам кхочушбархой хилла Iен ца деза, цуьнан Iедал дукхахдолчу тIехь нохчийн мурдийн турпалаллина а, уьш гIазотан дуьхьа Iожаллина бIокъажор боцуш хиларна а тIехь лаьтташ ду». Иштта кхидIа: « – Империн дегаюккъехь, керстанийн бакъдинехь долчу оьрсийн къинхетамечу халкъан бIаьргашна хьалхха, шелоной, мацаллой деэшийна, шен доьзалх къастийна, бала хьоьгуш вара, доьхуш сагIа а доцуш, шена ницкъбечарна хьалха корта охьа а ца таIош, нохчийн сийлахь гуманист, цу заманан кхетаман а, къинхетаман а билгало хилла дIахIоьттина шайх Кунта-Хьаьжа, Россица машаре даха, шайн синошца цIанло бохуш, тIамо ницкъбинчу шен халкъе кхайкхамаш беш волу».

Ткъа оццу хенахь, кхин генахь а воцуш, Россин луьра мостагI имам Шемал шен боккхачу доьзалца токхе а, паргIат а вехаш вара Россин императоран «хьешан» даржехь. Ткъа моттбеттачарна белшаш тIе керла седарчий летадора. Зуламо, кIоршамечу ницкъо, халкъана дуьхьалдолчу Iедало хьаьшира Нохчийчохь а, цул арахьа а шен маргIалш хеца йолаелла керла сийлахь философи – ницкъцабаран философи, цо, шеко йоцуш, сацор дара генна дIайоьлхуш шайн Iалашонаш йолчу билггалчу цхьана ницкъаша нохчий берриге а хIаллакбаран гIуллакх. Оцу философис вайнах дуьнен тIера дIацабовларх ларбийр бара, мацах шен заманахь Конфуцийс кIеда-мерза хиларан хьехамца Китай пачхьалкхан гуттаренна хинйолчу пачхьалкхан бух биллар санна.

Вайнах Сталина а, Берияс а Юккъерчу Азей, Казахстаней дIабигначул тIаьхьа суффийн вирдаша кхочушдинарг билгалдоккхуш, автора яздо: «Оцу хьелашкахь а, цу заманахь а накъшбандийн а, къадирийн а вирдаш доцург, кхин ницкъ бацара харцонаша, ницкъбаро, къизалло хьаьшна халкъ хIаллакьхиларх а, доьхна дIасадаржарх а кIелхьардаккха.

Вайнехан къам хIаллак цахилийтаран бала бацара цхьаннен а – я КПСС-н, я советан Iедалан, я меттигера Iедалан, я бусалба Малхбален, я «цивилизованни» Малхбузен а.

Халкъана чIогIа оьшура цхьабарт хилар, къам хилла дийна диса, тIаьхьарчу тIаьхьешна ненан мотт, культура, ламасташ, гIиллакхаш лардархьама.

Вирдийн вежарша, халкъ кханенах тешош, вовшашца чIир йолчарна юкъахь машар беш, кегийрхой зуламашдарх ларбеш, советан Iедална дешдерг гIо дара. Амма церан коьрта Iалашо яра шайн халкъ хIаллак цахилийтар, НКВД-н (КГБ), Сталинан хьадалчашна халкъана ницкъашбан керла бахьанаш ца дийлийтар.

Суфийн вежараллаша тIелецира шайна и декхар, шайн ницкъе а, аьттоне а хьаьжжина и кхочуш а дира. Цара оцу бохамечу муьрехь кхочушдина и баккъал а сийлахь гIуллакх хIинццалц схьа шен мах буьззина хадийна а дац».