Нохчийн назма цикл на чеченском языке

Хасаин Идрисов
ГЕЗГ-БЕЗАМ

 Ахь х1ун дина сан хье литта -
 Моза гина машех иштта?..

 Олу наха - ю хьо ирча,
 Хьоьга хьажа - цхьа вац кийча.

 Хаза хилла - кура яц хьо,
 Бозбуунчалла - х1илла дац хьо.

 Елаелла, я елхалла,
 1ехавалла - яц кочалла.

 Пусардоцу хьан ирчалла -
 Ю, со лоцу Гезг-инарла.

 Моллин жайна ду-те х1ара:
 Ма ца яйна куьце хьоьра!

 Теша, теша - Гезг, хьо еза,
 Ласто маша, мох ца беза!..




 МОТТ

 Кхоам бу хьан, мотт,
 Меттабуьхьерчу,
 Да воцуш, ян чот,
 Эрна д1акхуьйсчу.

 Кхоам - ц1ен дешнийн,
 Безамга диттийн,
 Хилла - 1енначийн,
 Дахкаделлачийн.

 Кхоам бу элпийн,
 Къаьхь-мерз-тез-дуьра,
 Чаьмза дош дечийн
 Аьзнех х1уьрла1а.

 Кхоам бу хьан мотт,
 Коьрто хьийзочу,
 Етташ йоккха чот,
 Кепаш еттачу.

 Кхоам - йозанаш
 Ц1ергарчу дешнийн,
 Иблисца барт беш,
 Ч1аг1ам биначийн.

 Меттийн массерчух
 Цхьа дош - стигала,
 Маттна ямартчух
 Ч1ир иэца Дала:

 Амин!..





 НОХЧОЛГ

 Набъе, нохчолг, берзан к1орни,
 Олилой-болилой,
 Т1амца йог1урш - дуьра черчий
 Ю хьан вешин ненахойх...
 Дийцац хьуна аган туьйра,
 Илли ца хазадо -
 Хьан да меташканан майра
 Хилар наха бакъдо...

 Цу Москохула ц1е йоккхуш,
 И хьан да хиллийца,
 Махо луьстах ахча хьоькхуш,
 Банкаш цо яьхьнийца.
 Дохуш наха х1етал-металш,
 Лачкъийнарг - лечкъаца,
 Хийцадаларх ахча, 1едалш -
 Маьрша хир вац сица.

 Д1адоккхур дац бусалбан дин
 Нохчийн г1иллакхахчух,
 Бусалба я керста ца хин -
 Мунепакъ ц1арахчух
 Ц1е тилларх хьан "ваххабахо"
 Паччахьа Москохчу,
 Ингалсе ма кхайкхалахь хьуо,
 Нахза г1айре лоьхчу.

 Церан лоьраш хьан г1евлехь хир,
 Болчух хьан чов ерзош,
 Лиетош оьрсех, окхуш шайн ч1ир
 Россех, кескаш хиедош.
 Цхьан "ваххабан" шаьлтанах-м хьур
 Церан к1унзал кортош,
 Дала шайт1анаш хьох д1ахьур,
 "Аллах1 акбарх" кхийкхош.

 Набъе, нохчолг, - гур ц1ийх къушха,
 Чалбанийн ямартхой,
 К1айн паччахьна болчух луьйшха -
 Цуьнан къайлах ялхой.
 Ваьр царна а Стагеволург,
 Олилой-болилой,
 Цхьан п1елга жуккарх са оьцург,
 Лахьодерг к1уьрах вой.

 Т1ом д1абер бу, г1ор хьо Москох,
 Ц1е нохчийн - Сий хила,
 Яхьъерг лаха, йохьан доггах
 Дуьне х1ара тила,
 Хьаьвзаш хьайна даьхни, мацций,
 Нохчоллан са д1а лахь,
 Нагахь хьо а ваг1ахь т1амций -
 Йицъелахь нана ахь!..


 @

 Лаьмнаша эр дара
 Дистхуьлуш хилча:
 "Даккъаш тхан кегдалла -
 Дегнаш шун хилла".

 Маьлхо схьа эр дара
 Бистхуьлуш хилча:
 "Йовхо сан яллалла -
 Дегайовхо шун хилла".

 Шуьга ас эр дара
 Дагна мотт хиъча:
 "Ма пекъар со вара -
 Нохчо ца хилча!"
 @

 НОХЧО-АЬРЗУ

 Ша-лам лашалуш 1аннашха,
 Алун де-буьйсанан 1аршара
 Аьрзуно ц1ог1а ло лошха,
 Гауршца т1ом бинчу варшара
 Маьхьшарех зуз луш дагна.

 1аь йийла пха булабина,
 Ла1ийнчу аьзнийн шад керчачу, -
 Нана, сел довха доьттина
 Хилла ц1ий ахь к1орнин пхенаш чу,
 Нохчийчу йоккхуш бена!

 Б1ешарийн т1аме и хьежна,
 Мархаш к1ел к1аррашца ц1е еттан,
 Маьршоне - къийсамехь летта,
 Нохчо ц1ий пхенеха д1адетта, -
 Пха майра шех а лехна...
 @

 "Ас чурт сайна х1оттийна куьйга т1улг цатусург"
 (А.С.Пушкин)

 Ас, нахана хирг там - сайн хьацарах ца дина,
 Къахьегна даьккхина, маьждиг дан ца делла,
 Ца лиехна рицкъа - Дала цадийриг сан къинна,
 Ас, нехадерг юхаделла.

 Лохачаьрга нислуш, со, нохчашка ирх хьежна,
 Юьхьк1айла диканехь, юьхь1аьржа бохамехь,
 Диканна - вуонах хьовзош, даадо суьлхьа санна,
 Дог нохчийн кирчина соьгахь.

 Латта дац Дуьне, шена диканиг лелийна,
 Лелийнчух ша, хьо валлалц воккхавевала,
 Лаьцна стаг санна, сино хьийзориг хьан къинна,
 Шен хан чекхъяллалц г1арола.

 Сан са а д1аг1ур цкъа схьадеъначу стигала,
 Милт яьгча къуьдано к1ур тосчух сахилла,
 Вицлур вац цунна со, вайнаверг абадена:
 Г1иртинарг шел дика хила...
 @

 НОХЧИЙН НАЗМА

 Кхерчан ц1ерга эккхахь -
 Поллин догу т1емех
 Дин - ц1ерера нах хир баьхна,
 Къемат-де кхин ганза.
 Восса г1ажар валахь
 Б1ешерашкахь ломах,
 Дела - Аллах1 хилар хиъна,
 Ала нохчийн назма.

 Т1еман рицкъан сискал.
 Лоллал - валар миска.
 Тикма дешин г1овталш баьццар,
 Дойн дайн Аллах1 акбар!
 Даади ахь моз-ч1им,
 Дегнех, зуькро беш чим,
 Паччахьашка баллий стим а,
 Нохчбусалбанан дин!

 Ялсамани 1аршах,
 Жоьжахатех маь1да,
 Къуръанара ший а елла
 Безчун Нохчмохк х1ара!
 Назма алий вай, нах,
 К1омар динчу да1на,
 Хастош, лелаза лай-эла -
 Мохк - Нохче Делера.
 @