Собаре лаьмнаш 1-ра дакъа

Саид-Хамзат Нунуев
 С-Хь НУНУЕВ

СОБАРЕ ЛАЬМНАШ
Роман

Хьалхара дакъа



Нохчаллех лаьцна дайн весет


     Шитайпа бу нохчашна юьккъехь нах – нах болу наххе, нах боцу наххе. Нах болу нах – Шемехь (Шумерехь) орамаш биссинарш, цигара схьабевлларш; пайхамарийн т1аьхьенаш. Нах боцу нах – т1аьхьа маь1маь11ера т1****табелларш, я Нохчалла дайинарш.
     Нах болчу нахана хеа шайгахь долчу Нохчаллех дуьненчуьрчу массо а адамашна а, къаьмнашна а цхьа маца а доккха беркат дер хилар.
     Нах боцчу нехан кийра Иблис доьссина. Царна ца леа нах болчу нахера беркат дуьненчу д1асадаржа. 
      Нах болчу нехан орамаш, хаарш, шира весеташ т1ехь долу тептарш лардеш лелош хилла нохчийн баьччанаша, нах боцчу нахах лардеш, лечкъош. И тептарш зил беш  динчу йозанаш т1ера схьаэцна а хилла.  Цундела нах болчу нахах «зил т1ехь нах» олуш а хилла. Нах боцчу нахах – «зил т1ера бевлла нах».
     Амма ши эзар шо хьалха М1айста уллохь цхьана хьехахь и тептарш кара а дина, дагайна нах боцчу наха. И тептарш мел ду нах болу нохчий Нохчаллех бохалур болуш ца хилла цхьангге а. Цу тептарша «Нохчалла» бохург х1ун ду карладохуш хилла адамашна.
     Нах болчу нохчийн баьчча хилла Турпал Нохчо ц1е а йолуш. Цу Турпала т1аккха д1аяздина шена дагахьлаьтта нах болчу нехан тайпанаш  боккхачу йоьзан яй т1е. И яй а, цунна бухара ц1е а гуттара а, т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш, ларъеш латтош хилла нах болчу нохчаша.
     Турпал Нохчочо кхайкхам бина нах болчу нохчашка: «Нах боцчу наха дагийна вайн тептарш, вайх ц1арматчу нехан лайш дан. Амма вай лийр ду, лайш ца хуьлуш! Орцах, лома хьаладовла, дийна а долуш, караг1ур дац вай! Дайн тептарш т1ехь дихкина вайна лайш хилар!»
     Шина баь1а шарахь т1ом латтийна нах болчу наха ц1армат нахаца. Амман ах болу нах цаьрга эша ца белла.
      Амма нах боцу нах биссана нохчашна юьккъехь. Т1аьхьа – т1аьхьа уьш мелххо а алсамбевлла.
      Хено ха хорцучу хенахь къаьсттина меттахабовлу нах боцу нах. Карзахдолу церан кийрахь Йилбаз.  Цо нохчашка угаре а сонта некъ къастабойту. Нохчийн ц1ий 1ена некъ. Бакъболчу нохчийн ц1ий 1еничахьанна, шайн ц1ий 1анарх а  шек ца бовлу нах боцу нах. Иштта хьоьху царна Йилбазо.
     Нах болу нах гуттара а шайн пачхьалкхе кхолла, цу паччахьалкхен дола дан г1ерта. Нах боцу нах а д1а ца къехкабо цара, церах нах бан г1ерташ. Уьш т1е а оьцу, церан дола а до,  царех хьаькамаш а бо. Амма нах боцчу нахана цкъа а шайна дина дика ца хеа.
     Нах болу нах даржаш а ца къуьйсуш, машар а, барт а ларба г1ерта. Нах болчу наха вовшашца гамонаш, тешнабехкаш ца леладо. Нах боцу нах гуттара а даржехь хьалабовла, ахчанашца совбовла, нах болчу нахана т1еховша г1ерта.
          Нах болчу нехан са гутара а шайн орамашка г1ерта. Цу орамех д1ахоттадала г1ерта. Шайн нохчийн ц1ий ду уьш карзахбохурш. Нах боцу нах царна дуьхьалбуьйлу, шайна ца лаахь а. Шайн боьха орамаш гучудовларна кхоьру уьш. Йилбазо бехдина ц1ий  ду уьш нах болчу нохчех д1а ца эйтуш дерг.
      Нах болчу нехан ц1ий меттахдохург цу ц1ий чуьра Нохь пайхамарна т1ера схьайог1у Нохчалла  ю.
     Цу Нохчалло дихкина царна осалнаш, харц дерш, къизаллаш лело.
     Цу Нохчалло багабо церан кийрахь массо а адамашка а, къаьмнашка а болу безам.
     Цу Нохчаллина лур ду Дала эххара а инзаре ц1ена, нийса 1илма, доллучу и дуьненчу а эхь – ийман а, беркат а даржош. Адамашна пайхамарша Дела вовзайтина 1илма. Дела Йилбазан карара схьавоккху 1илма. Дела массо а стеган сица вуй, Далла х1ора а ша кхоьллина са хьому дуй довзайту 1илма.
    Нах болу нах шаьш цецбохуш бу церан дегнаш чохь х1ора а стаге болу мерза безам. Муьлхху къам а, муьлхху стаг а шайн гергара хета  нах болчу нахана, х1оранна а г1о – накъосталла дан леа царна, х1оранах а къахета. Цуьнах ца кхета нах боцу нах.
      Нах боцу нах къематан де т1ехкаччалц т1ехьара бевр бац нах болчу нахана. Къематан дийнахь уьш д1асакъаьстор бу Везачу Аллах1 – Дала.
     Уьш д1асакъастош малайкаша луш цхьа хаттар хир ду: «Хьо Нохь-пайхамаран т1аьхьенаха вуй?» Нохчалла ц1ийца долчу нохчочо «ву» эр ду. Нах боцчу нахе иза алалур дац, таррашца шайн кортош дохуш хилча а.
     Иштта д1асакъаьстина хир бу  нах болу нах а, (зил т1ехь болу нах) нах боцу нах а (зил т1ера бевлла нах) кху дуьненахь а, къематан дийнахь а. 
    Кху дуьненахь нах болу нах а, нах боцу нах а 1илманчашна, говзанчашна, яздархошна, 1еламан нахана юьккъехь а хир бу. Цара лаккхара даржаш а лелор ду. Амма мел лакхарчу даржехь волчуьнга а, нагахь иза нах боцчераха велахь, ша нах болчераха ву алалур дац. И цунна Йилбазо дихкина хир ду. 
    Къематан Де т1екхаччалц, Аллах1 – Дала кхел яллалц, нах боцчу нахах  теша мегар дац. Уьш гуттпра а г1ертар бу Нохчаллехь болчу нохчашна юьккъехь г1айг1анаш, баланаш, питанаш латто.
    Арара мостаг1ий иштта кхераме хир бац нах болчу нохчашна, шайна юьккъера нах боцу нах  санна.
    Собар хир ду нах болу нахехь инзаре.

    Дала юьхьенца собар лаьмнашна дела хилла. Амма уьш, шаьш хиша хедо дийлича,  херца дийладелла. Т1аккха Дала собар х1урдана делла. Х1орд а, собар кхачийна, кхехка болабелла. Юха Дала собар дуьненна дела. Кестта дуьне а дего, леста доладелла, собар кхачийна.  Т1аккха Дала собар нах болчу нахана делла. Нах болчу наха шайн собар, ца дохош, къематан Дийне д1акхачор ду.


 


Притча



     Мацах ломахь цхьана моллин вир хила. Юххьара хилла и вир. Молла ламаз дан ма х1оьттинехьа мохь хьекха йолалуш хила иза, дуьне 1адо сана.
     Цунна кхи дан х1ума а ца хилла, ша ламаз дан х1оттале виран бат къовллай бухканца д1айьхкуш хилла моллас.
     Цхьана хенахь молла велла. Еха ца яьхна цуьнан вир а.
     Молла веллачул т1ехьа цу юьртарчу наха шаьш ламаз дан х1иттале шайн варрин батош д1айоьхкуш хилла, йоцучара а варраш а оьцуш.
     Кестта цу юьртарчу наханай, луларчу юьртарчарнай юьккъехь девнаш дийлла. Цара х1орш бусалбанаш бац бохуш хилла, х1окхара уьш бехке беш хилла, ламазана х1уьттуш варрийн батош д1а ца йоьхку, бохуш. Цул сов, цхьа лам а хилла цара дуккха а шерашкахь вовшашца къуьйсуш.
     Цхьана хенахь церан вовшашца боккха т1ом баьлла. Т1ом бахбелла, берриге а ламарой цу т1амехь кхачо герга бахана.
     Т1аккха леш лаьттачу ламарошна юьккъе велира боху цхьа нахана ву-вац а ца хууш, г1ийла 1аш волу къонаха. Цо элира боху, мохь туххуш:
     «Х1ай нах, ладог1ал цкъа соьга!
     Вай къуьйссург виран бат яц, бусалбан дин а дац,  я вайн цаьрца бала а бац.
     Вай къуьйссург лам бу, рицкъа ду.
     Дуьненан х1ума дукхадезаро доькъуш ду дин, боькъуш бу нах, беш бу т1емаш, х1аллакдеш ду адамаш, къаьмнаш.
    Дуьненан х1ума дукхадезаро гучубоху шай-шай бен бакъвац боху харц шайхаш,  харц имамаш.
     Массо а динехь а хилла а, болуш а, хирболуш а бу итайпа нах, шен-шен бен Делаца юкъаметтиг ц1ена яц, ша лелош дерг бен дин нийса дац, бохуш. Цара хуьлийтуш ду т1емаш. Цара бойуш, дакъазабохуш бу нах.
     Кхид1а а иштта дехха д1аг1ур ду, харцшайхаша, харцимамаша адамаш вовшех иен ца дуьтуш, массо а адамаш а бусалбан дин схьадаьллачу орамашка ца г1ортахь, и дин схьадаьлла х1оста царна ца карадахь.
     И орам, и х1оста – дуьне хи буха даханчул т1аьхьа дуьххьара Аллах1-Дала ваийтина хиллачу Нохь пайхамарна т1ера схьадог1у. И х1оста – Аллах1 - Дала т1е боьду бакъболу некъ, бакъдолу т1етехьат – Нохчалла ду  вайна Дала делла.
     Вай Нохчалле юхадерзахь вай цхьане суьлин имамаша а 1ехор дац, кхузаманан жуккарша а тилор дац, дуьне мадду д1асадаханчахь х1аллакхилла, девр а дац.
     Мелххо а дуьне мел ду д1асаяржор ю  вай Нохчаллин хазалла, цуьнан массо а адамех вежарий, йижарий бен инзаре, ц1ена ницкъ!
 
     Адамаш ладоьг1начахь севцира. Уьш доллучунах а кхийтира. Цара кхи цкъа а варраш а ца хьийзайра, вовшашца гамо а ца лелийра.  Уьш шайн дегнаш чу хьовсура. Цара шайн синошка ладуг1ура. Цигахь царна адамашка болчу безамо юьззина хазалла гора. Царна бевзара кху дуьненчохь угаре а мерза, Дала нах болчу нахана совг1атана еллачу Нохчаллин чам.

   
 






















Собаре, собаре лаьмнаш.
Тхоьх кхаьрдаш лаьттатехь шу?
Я хьоьгуш лаьтта шу, хьуьйсуш
Шайл а тхо собаре гуш?



  1990 – 92 шераш, Нохчийчоь.

     Колхозан председатель вара эвлияан Кунта-Хьажин угаре а дукхавезаш хиллачу мурдан Салам-Хьажин 1абдурахьманан к1ант Ибрах1им.
      Колхозаш юхуш, ма-дарра аьлча, «Перестройка» йолийначу жуккарша (1) сноска.(жуккарш – жиды. Жиды олуш берш – кху дуьненчохь шайн гай хьалхадаьккхина, эхь-ийман дайина, леларш) йохош яра х1етахь, ерриге а пачхьалкхе санна.
      Ибрах1им шайниг к1елхьара яккха г1ерташ, тийсалуш воллура. Дукха нехан белхан меттигаш, аьтто бухура колхоз  йохина, лачкъийна, яржийна д1аяьккхича.
     Председатела ка ца йоьттийтура техникех, бежанех, устаг1ех.
     Ибрах1имца дуккха а шерашкахь бертахь болх беш вара юьртада а. Амма кестта советан 1едал дохош болчара керла юьртада х1оттайра, хьалха хилларг кабинета чуьра ара а кхоьссина.
     Цунна т1аьххье араластайра ц1ен байракх, Ленинан йоьзах йина бюьст. Кабинетан соне яржа а йина д1ах1оттайра беццара, т1ехь борз йолу байракх.
      Керла юьртада – Мершиев, иттех шо туьрмехь а даьккхина ц1авеана, лесхозехь бригадир ву бохуш лелаш цхьа хабарчиг вара. Туьрмехь а мот бетташ лелаш хилла, бохуш, вуьйцура иза наха.
      Лесхозе балха а иза КГБ-с нисвина олура, шайн сексот хиларе терра.
      Г1аттам бинчеран митингашка а лелаш, цигахь хуьлуш дерг схьадийцар т1едилланера цунна КГБ-с. Цигахь иза х1айтаьлла хьийзарна, х1инца юьртаден болх а белла, лам чу хьалахьажайнера Дудаевн 1едало..
     - «Керлачу 1едална пхи бежана деза» - нах бахкайтинера юьртадас Мершиевс Ибрах1им волчу.
     - «Бежнаш ломахь дежийлашкахь ду. Ц1а далийчахьанна правленехь дага а девлла, цхьа1 дийр ду. Иштане бежанан ц1ога а лур дац!» - оьг1аз а вахана, юхахьовсайнера колхозан председатела шена т1ебахкийтинарш.
     - «Ас дуьйцург дош ма дац, цо председателан болх беха бахь»! – кура хабар хазайнера Мершиевс.
     - «Цо дуьйцург дош долуш хан маца яра?» - хабар юха хазайнера Ибрах1има. Цаьршинна юьккъе, йоллучу юьртана а хууш, дов дуьйлира.
     Ши бут гергга хан еара Ибрах1иман коча кхи цхьа а ца г1оьрташ.


 
      Эвлияаца Кишин Кунта-Хьажица гергарло ч1ог1а дукха а, мерза а лелийна вара Салам–Хьаьжа. Хьаьжина уггаре а дукхабезаш хиллачу мурдеха а вара иза, эвлияа ша дийцарехь, ша къайла валале.
     Цхьанцца а ца динера Кунта-Хьаьжас иштта доггаха, къайлаха къамелаш, Саламца санна.
     Жимчу стагана Дала цхьа ша-тайпа ницкъ белла гучудаьллера устазана. Цо ден хеттарш, цо дуьйцу хилла а, хиндолу а х1уманаш эвлияъ цецвокхуш хуьлура.
     Дукха буьсанаш цхьана яьхнера шина доттаг1чо аьхкенан чиллахь арахь, тийналлехь, беттан серлонна к1ел. Я 1ай довхачу оти чохь, поппаран пешахь лелхаш догучу дечиге а ла а дуьйг1уш, къамелаш деш.
     Салам верх1итта шо кхаьчна жима стаг вара х1етахь, амма хьалхе суьпаваьлла, дукха жайнаш дешна, дукха хаарийн къорге кхевдина вара.
      Устаз цуьнан ден хеннара вара.
      Х1етте а гергарло ч1ог1а дара Хьаьжин жимчу стагаца. Хааделлера эвлияана шен мурдехь к1орггера хьекъал, собар, эхь-ийман.
     Цхьана сарахь тайп-тайпанчу т1ерихьатин башхаллаш юьйцуш 1ара ши доттаг1а. Х1унда ю и башхаллаш, г1о до церан дукхалло, я новкъарло йо сийлахьчу Къур1анна т1ера схьаэцначу шари1атехь ч1аг1вала.
     - Шари1атах тоам ца беш, доллучу а шен дахарех Аллах1-Далла т1ебоьду некъ бинарг ву т1ерехьата т1е волуш вверг, - дуьйцура цхьана аьхкенан сарахь устаза. -  Т1ерехьатан мурда мел боккху ког а, мел олу дош а сийлахь везачу Аллах1-Делан дуьхьа ду. Шен Далла цатевндерг цхьа а дан йиш яц мурдан, я ша къастайначу некъа т1ера галвала йиш а яц цуьнан.
     Амма и Далла т1е доьлху некъаш бе-бен гуш хилла шайн т1ерехьаташкахь генабевллачу устазашна, шаьш 1аш болчу мехкан уьйрашка, ламасташка, адамийн синошка хьаьжжина. Цу т1ерехьатехь йолу башхаллаш а хилла цу мехкашкахь бехачу нехан амалшка, 1алашонашка хьаьжжина.
     - Устаз, нохчийн юй шайн къоман башхаллаш? -  хаьттира Салама.
     - Дера ю, - сихха жоп делира устаза. – Нохчийн шайн а бу эзаршерийн к1оргера схьабахьаш шайн сийлахь некъ - вайн къоман ц1ийца йолу Нохчалла.
     - Вай бусалбан дин т1еэцале лелайна хиллачу г1иллакхех а, амалех а т1ерехьат ала мегар ду? – къегира Саламан б1аьргаш.
     - Адам пайхамарна т1ера дуьнна Дела цхьаъ вуй а хууш, цу Дала шега адамашца дика хила бохай а хууш, пайхамарш а безаш, цераш весеташка ла а дуьйг1уш схьабаьхкина нах Аллах1- Дала къобалбинчу некъа т1ехь хилла, - жоп делира устаза – цундела ма бу сийлахьчу къур1ана чохь бакъбина берриге а пайхамарш, Мохьаммад пайхамарал, Делера салам-маршалла хилла цунна, хьалха хилларш а. Масала, Ибрах1им пайхамар сийлахь везачу Аллах1-Делан доттаг1а хилла аьлла яздина ду сийлахьчу Къур1анна чохь. Баккхайчу пайхамареха хилла Мусса, 1иса.
     Дала доссийна ду Товрат, Инжал. Цу заманашкахь дуккха а нах декъала хилла а бу, дакъазабевлла а бу. Нохчаллехь чекхваьлла стаг дакъаза бевллачарна юьккъехь хила йиш яц, - шеко йоццуш ч1аг1дира устаза.
     - Устаз, мичара схьаяьлла Нохчалла? – хаьттира Салама.
     - Нохчалла вайна Аллах1 – Дала юьхьанца дуьнна елла ю, и вайн ц1ийца ю, - жоп делира Хьажис. – Вайн къомо гуттара а лерина Адам-пайхамарна т1ера доьнна схьайог1у адамалла. Амма вай цкъа а ца девлла Нохь-пайхамарна т1ера схьайог1учу Нохчаллеха. Цундела ду сийлахь а, хала а кху дуьненчохь нохчо а хилла чекхвала, юха ца волуш, гал ца волуш. Цундела ца бовлу, бевр а бац х1ара дуьне т1ек1алдалахь а нохчий шайн бусалбан динера. И вайн ц1ийца ду. Нохчашкара масал а оьцуш, ч1аг1лур ду дуьненчохь бусалбан дин, иза хеда аьлла моьттанчу хенахь.
     Нохчаллийца чекхбовлучу нахах «нах болу нах» олуш хилла вайн дайша. Цу т1ера боьхначерах – «нах боцу нах».
     Цу сарахь дуьнна Нохчаллех лаьцна къамелаш дукха дора Саламай, цуьнан устаза, эвлияа  Кунта-Хьажиссе.
 


     - Муьлуш бара и нах? Х1у бохура цара? – сагатделла, Ибрах1имна дуьхьлъелира цуьнан х1усамнана Лайса цу гуьйренан сарахь, маьрк1ажал т1аьхьа.
     - Х1умма а ца бохура, чу г1охьа, - т1ечевхира Ибрах1им. Т1аккха дагадеара кхуьнга а наха цхьацца х1уманаш дийцина, иза а сагатдеш хилар.
     - 1едал доьхна, колхоз йохае боху-кх. Муслиме х1умма а ма дийцалахь, хьанна хеа цунна дага х1ун дог1у, - къевлира цо х1усамнана.
      Муслим – цаьршинан цхьаъ бен воцу к1ант, лор, ткъей ялхолг1а шо долуш, зуда а, ши бер а долуш вара. Цул сов,  баь1а кила сов веза а волуш, дзюдон спортан мастер.
    - Дуьйцур дац ас-м, - г1айг1ане дара х1усамненан аз. Даго вониг хьоьхура.
    - Со дийна а волуш-м дуьгур дац цара колхозера цхьа шинара! Варраш! Мацах  колхозаш йохкуш а хьийзайна сан дай. Кулакаш а бина, дакъаза а баьхна, цаьргара даьхний схьа а даьхна ехкинера цу хенахь колхозаш. Муьлуш бара нехан кхел еш арабевлларш? Мацалла яла йохку йовссарш, болх бан а, яха а карах ца долуш йолу. Лайн, варрин к1орнеш. Уьззуш ю тахана меттаха евлларш а, нах баха ца буьтуш.
     - Хьуна х1унда бу боллучу а нехан бала? Хьоьга совцалур ма бац нах, берриге а цхьанааг1ор бевлча, - хьехар дан х1оьттира Лайса.
     Ибрах1има сий дора шен х1усамненан. Гуттара а цунна накъост хилла яра иза. Кхеташ стаг а яра, школехь завуч а йолуш, юьртахь сий а деш. Амма х1инца кхолладеллачу чолхечу хьолехь иза дукха лен яьлча Ибрах1имна кула йолура. Цунна хеара, шен а хьекъал ца кхочучуахь цуьнан шена  дан накъосталла доций, догъэт1ор бен.
     - Зуда, соьга кхи ма лелахь, со тховса дера ву хьуна, - дахьедира Ибрах1има. Лайсас кхин дош ца элира.
     Цу сарахь схьакхайкхира цо шен тешаме шофер:
     - Султан, герз оьшур ду.
     - Х1у герз? – ца кхийтира шофер.
     - Тапча, автомат, пулемет, гранотомет! Танк йоцург муьлхха а мегар ду! – кхетийра иза  Ибрах1има.
     - Т1ом-м ца баьлла? – забарна санна хаьттира Султана.
     - Баьлла дер. Хьуна ца го? Бойуш, идош нах а хилча, харц луьйш вверг сацош стаг а ца хилча, таро йолчо таро йоцург хьийзош а хилча, т1ом бац иза? – доккхаса даьккхира председатела.
     - Ибрах1им, суна а хезна цхьацца эладиттанаш, вайн колхозан бежнашна т1екхийда дагахь цхьацца нах бу, бохуш. Со а, сан вежарий а накъостий бу хьуна, эшахь т1ом ба а, эшахь дала а.
     - Баркалла, ц1ий ца оьшу вайна, - меллаша элира Ибрах1има. – Амма герз новкъа дац. Карахь герз дуй хеъча жима озалур ю и жоьлгаш.
     Шоллаг1чу дийнахь делкъале дийна юьккъехь Султана цхьана гали юьккъе а хьарчийна, ц1енна, даьтта а т1ехь, Калашников олу автомат еара, цхьана масех патарманех юьзна рожок а йолуш.
     - Цхьана к1иранах пулемет а хир ю боху, - элира Султана.
     - Ца оьшу. Х1ара тоьар ю, – схьаэцна, ша вуьжучу чу даьхьира Ибрах1има герз.



     Кунта-Хьаьжа а, цуьнан ваша Мовсар а паччахьан 1едало д1алаьцна, аьлла шийла кхаъ баьржира боллучу а Нохчмахкахула.
     Адам 1адийча санна диссинера. «Массо ярташкара нах а вовшах а кхетта, кара герз а эцна, сихонца схьаваккха даха деза!» - маьхьарий деттара цхьаболчара маьждигийн майданашкахь. Вукхара бохура: «Х1ан-х1а, Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш эвлияъ ву, и ша вер ву муьлххачу а набахтичуьра ара, шена лаахь».
     Мурдашна юьккъехь барт бацара. Цхьаний юьртахь а.
     Амма 1964 – чу шеран декабрь баттахь доккха ц1ий 1енира.
     Бесанне, Яьссинна тог1ешкарчу ярташкара нах г1евттира.
     Ша бохош, шийлачу хиш чохь шайн дог1мех хи кхорзуш, г1азотана а кечлуш, Шелла аг1ор охьататтабелира нах. Цара караэцна герз дацара, юькъа йихкина шаьлтанаш йоцург. Уьш т1ом бан боьлхуш бацара, 1едале шайн хьомсара устаз схьавеха боьлхуш бара.
     Адамаш хуьлуш лаьттачух ца кхетара. Царна ца хеара, х1у новкъа ву паччахьан 1едална паччахьца т1емаш ма бе, бохуш, хьехамаш бен устз? Паччахьан 1едална гергахь х1у бехк бу массаьрга а хьанала къахьега, синош, 1алам ц1ена латтаде, массо а адамашца а къинхетаме хила, керстанна а ло саг1айна х1ума, керстанна делла саг1а кху дуьненчохь доллушехьа орцаха кхочур ду, бохуш, хьехамаш бина устаз?
     Нахана ца хеара, кху чохь г1уллакхаш гал мел девли хазахеташ нах буй паччахьана уллохь, цуьнан го а хилла, цунна тешнабехк бан г1ерташ лелаш. Кхи а дуккха а х1уманаш ца хеара нахана хьалха а, т1аьхьа а кху мекарчу дуьненчохь лелаш долу. Уьш Кунта-Хьажех тешара, Кунта-Хьажина массо а Аллах1-Делаца шайн юькъаметтиг д1анисъеш хила леара, паччахьан ц1их1урийн лаамашца а ца нисъеш.
     Амма паччахьийн ц1их1урийн шайн даржашкахь хьалабовла лааро талхадора дерриге а. Цу заманчохь а, цул т1аьхьа а, тахханалц.
     Кунта-Хьаьжа а, цуьнан мурдаш а дукха кхераме бу, бохуш мотт беттара цхьаболчу 1едало шена улло бахка пурба деллачу молланаша, эпсарша. 
     Шен хьоме устаз схьаваккха хьевханчарна хьалхарчу маг1арехь вара Салам а.
     1уьйкъахь арабевлла уьш сатоссучу хенахь д1акхечира гонахьа г1ап а, лекха керт а йина лаьттачу набахтина улло. Царна ца хеара Кунта – Хьаьжа а, Мовсар а, кхиболу лецна устазаш а, мурдаш а кхузара д1абигний, уьш Кавказера а арабаьхна, Россе дехьабаьхний, кхи а генабаха дагахь.
     Нахе къамелаш ца дира паччахьан эпсарша. Царна ц1ий 1ано лира.
     Нах улло а бахкайтина, яккхий тоьпаш туьйхира цара адам алсам доллуче.
     Нах, кхерабелла дахьовхаран мета, яккхийчу тоьпашна т1е уьдура, шаьлтанаш макъара а яьхна, «Аллах1у акбар!!!» - бохуш маьхьарий а детташ. Чов хилла воьжнарг, я велларг бен ца соцура.
    Герз т1етуххушехьа чов хилла, вуьйжира хьалхарчу маг1арехь волу Салам. Берриге а корта, б1аьштигаш ц1ех юьзнера. Цу юьккъехь цуьнга а, кхечу чевнаш хилла, я байина 1охкучу нахе а ца хьовсуш, шаьш а бала дагахь еттачу яккхийчу тоьпашна т1еуьдура нах, шаьш г1азотехь дуй хууш.
     Цу дийнахь массо а вара вала дагахь, амма эгначу наха: беллачара а, чевнаш хилла 1охкучара а ког била меттиг ца йитанера.
    - «Юхадовла, юьстаха баха белларш а, чевнаш хилларш а!» - маьхьарий дета долийра баккхайчара.

     Меттахь шина баттахь 1иллира Салам. Масех де кхетамчохь воцуш, харцлюйш а даьккхира. Товелла ша ирах1оьттича ша эвлияэра схьаэцна 1илма зедайта йиш йоций кхийтира Салам. Цо шен хьомечу устазан некъ, устаза дитина т1ерехьат д1акхехьа, ша дийна мел ву, нигат дира.


     Иттех де делира. Колхозан конторе веара юьртан туркх ву, аьлла ц1е тиллина цхьа къонаха. И ц1е Дудаевн 1едало шена тилличахьанна ч1ог1а хийцавеллера туркх. Миччара яьллехь а цхьа еха беццара халат а, ц1ен туркойн калпак олу пес а карайнера цунна. Цул сов, Дудаевн гоно Хьаьжиц1а вахайтина, Малик – Хьаьжа аьлла керла ц1е а лелайора цо.
      Х1инццалц кху шовзткъа шарахь цо лелайна ц1е – Вермут яра. Жимчахь дуьйнна вермут олу малар муьйлуш г1аравьлла вара иза.
      Цуьнан документаш т1ера ц1е-м цхьанна а ца хеара. Документаш оьшуш болх цо цкъан а бина а бацара. Чу воьлличахь 1аьбийн элпаш а, дагахь еса а 1амийнера.
     Митингашкахь и ч1ог1а х1айтъаьлла хьийзарна, х1инца цуьнга туркхалла деллера. Цуьнах ч1ог1а воккхавеш, шегахь цхьа онда хьаькамалла ду моьттуш лелара Малик – Хьаьжа. Наха-м цуьнах х1инца Вермут – Хаьжа олура.
     - Солом 1алайкум! Чува мегар дуй? – куро-о кабинета чу венлира туркх, хьалха корта хьалата1о а ца ваьхьаш лелларг.
     - Вуй! Вермут! Хьо вай х1ара? Дера мегар ду. Схьавльлла, охьахаал, - догдат1айра Ибрах1има къонахчун, шен цуьнгахь безам ца хиларе терра.
     - Вермут ма вац со, Малик – Хьаьжа ву! – Нисвира чу веанчо председатель.
     - Памили маре яханчо бен ма ца хуьйцу, - кхи а ч1ог1а дог дат1айра Ибрах1има чу веанчун, шена х1ара мел къонаха ву хааре терра. Цаьршинна цхьанне а ца дицделлера Вермута маситта шо хьалха лечкъийна колхозан аренгара хьаьжк1ийн г1одамаш. Х1етахь иза, велха а ийзош, шега хьеставалар, милицига д1а ма дийца, бохуш.
     - Ибрах1им! Хьо соьца чу веана а валале девне вала г1ерта, ткъа со масла1ат, машар лоьхуш веана, - охьа ца хууш, ирахь лаьттара туркх, Ибрах1имна реза воцуш.
     - Машарал а, масла1атал а доккха х1ума дац. Хала хетайтинехь бехк ма била. Охьалахлол. Со лерана ладуг1уш вукха хьоьга.
     Малик – Хьаьжа улло а веана, меллаша охьалахвелира.
     - Юьртара нах реза бац хьуна, Ибрах1им. – хабар долийра Малик – Хьаьжас.
     - Муьлхарнаш? Хьанал къахьоьгувш берш, я жоьлгаш? – сихха хаьттира председатела.
     - 1едал хийца ма делла. Коммунисташ бац х1инца вайна т1ехь. Керла 1едал ду юьртахь. И 1едал реза дац хьуна, Ибрах1им. – майраваьлла, къамел дора Вермута.
     - Х1унда дац суна и «1едал» реза? Ас шайга колхоз ца йохайойту боху цара?
     - Совхозаш а, колхозаш а массанхьара а ма ю юхуш. Латтанаш, техника нехан дола йолуш ю. Хьо стена г1ерта х1ара хьайниг латто? – гарехь, боккъала а ца кхеташ, хоьттура Вермута.
     - Кху колхозехь болх беш ткъей шиъ шофер ву, верх1итта тракторист ву, Ткъей пхийтта стаг даьхнаца болх беш ву, кхузткъа сов стаг, аьхкенан заманчохь баь1анал а сов аренаш лелош ву. Шовзткъа гергга стаг гаражехь, конторехь, цхьаццанхьа кхечангахь ву. Уьш мича г1ур бу колхоз йоьхча? Цуьнан ойла ян а йой аш? – цецваьлла, т1ечевхира председатель. - Цу нехан – м доьзалаш бай, и доьзалш кхаба безаш ма бу. Уьш реза хир ма бац суна, со шуьца цхьане кху колхозан х1ума хьала а кхаьллина, юьстаха ваьлча. Суна – м болх а карор бу, со мацалла а лийр вац. Цу болх боцуш биссанчу нахана х1удо вай?
     - Хьан колхоз яа г1ерташ цхьа а вац, - председатель кхето х1оьттира туркх. – Вайн юьтахь дан долийна маьждиг ду. Хьоьга ах бежнаш д1а а дохкай, маьждиг дина далайтуш г1о лаца боху юьртахоша. Тхо хьан керта ма ца г1ерта. Колхозан х1ума – юькъара ду х1инца. Иштта дац иза?
     - Маьждиг а оьшу. Ца хилча йиш а яц. Вуьшта, нахана болх бан меттигаш а ма оьшу, Малик – Хьаьжа. Цу маьждигаш чу бог1уш болу нах –м токх а болуш, шайн доьзалш кхаба таро а йолуш, д1анисбелла нах хила ма беза. Мацалла б1арз а бела, хьаьнгара х1у йоккхур ярате, мичхьара х1у ядор ярате, бохуш гатбелла хьийзачу нахах бусалбанаш ма ца хуьлу, къуй хуьлу. Къушна маьждигаш а ца оьшу. Уьш нагахь маьждигаш чу ихахь а, шаьш къуй дац моттийта г1ерташ бен ца уьху. Иштта дац иза, Малик – Хьаьжа?
        Туркх реза вацара. Цо корта хьийзабора. Ибрах1има кхид1а а дуьйцура:
     - Вайна кхузахь белхаш а хилахьара, вайна чу са а даг1ахьара, кху республикан экономика деба а дебахьара, бохуш ма бац Москвара шовинисташ, - туркх кхето г1ертара председатель, - цаьрца дерг ч1ог1а экаме х1ума ду, говза лело дезаш ду, аш митингашкахь санна ма-дарра кхийкха а ца деш.  И Грознехь йина ерриге а заводаш вай дохайначу хенахь, кхузахь Грозненски область йолчу хенахь шайн г1азакхашна йина ю хьуна, вайн нохчашна йина яц. Я, уьш д1айовлахь кхи цара вайна йохкур а яц, цхьацца бахьанаш а хьийзош. – Жима ойла йина, т1етуьйхира: - Дага ца дог1у хьуна, вайнехан нах цу заводашка балха ца буьтуш? Х1инца вай колхозаш а, совхозаш а, заводаш а, фабрикаш а х1аллакъяхь, вайна уьш юхайийр ма яц цхьаммо а, иза х1унда ца хеа шуна? Адам мацлур ду, дарлур ду, провокаторша царна ахча а, герз а лур ду – кича т1ом бу шуна. Цуьнах олу «технология дестабилизации».
      И т1емаш, цкъа д1адийлалахь, совцур дац, дикка асар а дина, вайн к1ам  цхьана шовзткъа – кхузткъа шарна д1ажимдаллалц. И асар чекхдаллалц т1емаш а совцур бац. Муьлхха а бахьана карор ду царна вайна асар деш, вай жимда.. Вай и бахьана карадойтур а ду царна. И кхетам х1унда бац шу цхьанненан а?!
     - Ибрах1им, дукха ма дийца вайшимма! – кхоччуш майравелира Вермут –Хьаьжа.  Соьга хьоьга д1аала аьлларг – я ахь юьрто аьлларг до, я хьо балхара д1аволу.
    - Со юьртарчу шина стага когаш тоьхчи водучареха ма вац. Ас сайн меттиг ларъйийр ю. Шаьш леринарг духа ма оза, ала хьуо ваайтинчаьрга.
     - Дов деза хьуна? – эккхайтира туркх ву бохучо, хеъначуьра хьала а айлуш.
     - Дов дезачо доладо. Суна дов ца деза. Амма девнал а ч1ог1а харцо а ца еза. Сан пхенаш чохь уьдуш дерг нохчочун ц1ий ма ду, вермут дац! – кхоччуш к1елваьхьира Ибрах1има туркх ву аьлла, «масла1атна» веанарг. Халчахь ду шу  пхенаш чохь вермут дерш нохчий Нохчаллеха баха г1ерташ. Х1ара зама-м  йийцина яй мацах заманчохь эвлияашай, устазашай харц люйраш боьлур бу, бакълуьйраш боьлхур бу, бохуш!
     - Дика ду, замано гойтур ду… - кхи а цхьацца г1амг1имаш дора кабинета чуьра араэккха сихвелла воьдучо.



**


       Нохчмахкахь вевзаш, лоруш, масла1атан да ву, аьла ц1е яхана воккха шайх хиллера Салам-Хьаьжех Советан 1едал х1оттале а, х1оьттанчул т1аьхьа а беанчу муьрехь.

      1918 шо дара иза. Нохчий дуккха а декъашка, тобанашка бекъабала г1ерта зама.
      Аьхкенан т1аьххьара бут бара. Сарралц базарахь латтарх, хьарг1а санна 1аьржа, шо кхаьчна говран бекъа цхьаммо а д1а а ца эцна, цуьнан юьхь а лаьцна, ша расхачу алашена т1е а хеъна, ламанан готтачу новкъа ц1авог1ура Расул ц1е йолу цхьа къонаха.
      1ина чу вуллуш лаьттачу Расулана т1е ерзайна, хьуьнаюьккъера схьа топ кхоьссира цхьаммо, уллорчу бердан т1улгах цостаргаш а дохуш. Говраш сихха юхахьовзайна, ног туххучахь бердана т1ехьа лечкъира бере.
     - Бекъа диттах д1аехка, топ а улло охьайилла! – мохь тоьхна, цхьана дуткъачу озаца омра дира топ кхоьссинчо. Расул кхийтира и шена хичаш еш верг обарг хила г1ерташ араваьлла цхьа жима стаг вуй. Накъостий хила а мегара цуьнца. Цкъа д1абовш, юха гучубовлуш, машаречу нехан сагатдеш лелара и туьллигаш, обаргаш ю шаьш, бохуш.
     - Хьо санна йолчу мера1уьргашна д1аекъа говраш а, тоьпаш а яц сан, - «обарге» дог диллайтуш, элира Расула. -  Цулле а хьайн ц1а г1о, нахана хичаш а ца еш. Хьан нана а ю боху хьоьга ц1а вола, ша хьуна ч1епалгаш а, т1оберам а бина бохуш, 1аш.
    Цу дешнаша догдат1айна, юха а тоьпан лаг ийзо вуьйлира «обарг».
     - Ма дайа эрна патарманаш! Д1авахайта со, ас хьуна х1умма а лур яц! – мохь боьттура Расула.
     - Хьуо соьга вейта г1ерта хьо? Ас хьо вен а вийна, ший а говр а схьайоккхур ма ю хоьгара! – хуьнаюьккъера схьа мохь боьттура «обарга».
     - «Расулера цхьана мера1уьрго говр а, топ а яьккхина», бохуш, нахе суо вийцайтучал суна валар тоьла. Д1авахайта со, – юха а доьхура Расула.
     «Обарг» дуьхьала вист ца хуьлуш, г1ехь хан елира. И д1авахана хиларе сатесна, д1аволавала дагахь хилира Расул, амма юха а кхуьссучу тоьпан татанаш девлира. Говраш, кхераелла, карара хецаяла г1ерташ, д1акъехкара. Расул юха а сихха берда т1ехьа д1алецкъира.
     - Нахана а, хьайна а сингаттам баккхаза ц1а ца верза дуй биъна араваьлла вукха хьо, схьагарехь, - д1акхайкхира Расул. Вукхо юха а дуьхьал топ кхуьйссура.
     Г1ехь хан елира.
     - Д1авохуьйти ахь со? Барт хилинна вайшинан? – мохь тоьхнна хаьттира Расула. Важа дуьхьал вист ца хуьлура. Жима 1ийна, Расул новкъа велира, д1аваха дагахь. Амма яьллачу тоьпо цуьнан говрана чов йира. Лазайна, кхоссаелла говр дуьрста карара а яьккхина, басах чу яхара. Кхоччуш оьг1азваханчу Расула обарган аз хезннача а ерзийна, пхоьазза йолучу тоьпан лаг ийзийра.
     Тийналла х1оьттира. Басах яхана говр а йицъелла, сагатделла хьаьвзира Расул: «Ваннах,  кхетта хила мегара цунна. И ма дара сунна «оьшург» - стаг хьарчар…»
     Расула д1акхоьссина топ к1ентан хьаьжа юьккъе кхетта хиллера. Цунна чохь са дацара…
     Шовзткъа шаренга г1оьртина, зуда а, бераш а долуш, воккха стаг вара Расул. Шен карах стаг валар дуьне дохар санна доккха х1ума хетта, воьхна виссинера иза, ша х1удер ца хууш. Вериге а хьацарша а вуьзна, дейтта-пхийтта шо бен хирдоцчу жимчу к1антана улло хьийзара иза, шена хуучу кепара еса деша а г1ерташ.
     Некъа улло а вахана, орцаш дохуш, мохь бета велира иза. Мацца а цхьа бажа лаьхкина вог1у 1у хаавелира цунна. Иза ворданца вара.
     К1ентан дакъа шен х1усаме охьа а диллина, Салам - Хьаьжа волчу вахара Расул. Хилларг дерриге а шайхе д1адийцира цо, б1аьргеха уьху хиш д1а а хьоькхуш.
     - Карах стаг валар онда х1ума ду, Дала ларвойла хьо а, массо а бусалба стаг а ишттаниг 1отталучах. Амма хилла даьллачунна да х1ума дац. Хилла даьлларг д1адерзо дезаш ду, иза мел ирча, чаьмза, эхье делахь а. Дийна биссинарш баха ца баьхча ца бовлу шайна чохь са мел ду.
     Салам-Хьаьжа луьйчуьра сецна г1ехь хан елира. Т1аккха цо элира:
     - Хьо вен, я лазон дагахь топ хьалха цо кхийссинехь хьуна т1ехь доккха къа дац. Иштта кхетор бу вай цу к1ентан нах а, уьш муьллуш белахь а. Вуьшта, и к1ант мила ву, мичара ву, х1у бахьана долуш араваьлла обаргалла лело хьажа веза. Нагахь и араваьккхинарг къоьла, мацалла елахь, цуьнан да-нана миска нах белахь хьайга далуччал царна г1о дан дезар ду. Иштта хьоьху вайна Нохчалло, шари1ато ца хьехахь а. Вай угаре а хьалха нохчий ма ду. Иштта сийлахь везачу Аллах1-Дала кхоьллина вай.
     Салам-Хьаьжа билгалваьлла вара ша ечу нийсачу кхелашца. Иза иштта муха нисло хьан, аьлла хаьттича шайха аьллера: «Со Къур1анчу а, жайнашчу а хьаьжна ца 1а. Со сайн дагчу хьожу. Цу чохь сунна Нохчалло хьоьху дерриге а»
     Расулан карах велла к1ант волчаша д1аваьхьира. Иза луларчу юьртара хиллера. Салам-Хьаьжас билгала ма даккхара, мацалло, мискалло арадаьккхина бобер хиллера иза, т1ехь да а воцуш.
     Расула цуьнан нанна шиъ ет ийцира, т1ехьа эсий а долуш. Цуьнан ворх1 шо кхаьчна жима йо1 йоккха хиллалц цуьнан дола дан т1е а лецира.
     И дов д1адоьрзуш, нах куьйгалле боьлхуш Салам-Хьаьжас элира:
     - Кегийчу берех обаргаш хилар – вайн вешан бехк бу! Муха кхета вайна мерза наб, цхьаъ шелонгахь, мискаллехь вуй а хууш? Муха буу вай п1енда сатталц мерза кхача, цхьа1 мацалла чуьйраш къийкъаш вуй а хууш? Х1унда бу вайн вовшашца бала къезиг? Х1унда хетта вайна мисканиг, г1ийланиг сийдоцуш? Мича динехь ду ишттаниг магош? Муха х1итта дохку вай кханалерачу дийнахь сийлахь везачу Аллах1 - Далла дуьхьал? Х1унда ца хьовсу вай вовшашка?
     Вайн къам таханалерачу дийне схьакхачийнарг вайн ц1ийца йолу Нохчалла ю. И Нохчалла вай муха кхоьхьур ю кхид1а а, вай табарчашка декъадала г1ерташ хтлча? Цхьаберш к1айчашкахьа бевлла, вуьйш – ц1ечашкахьа. Вовшахкхета х1унда ца г1ерта вай? Х1унда 1ехадойту вай ваьш муьжгешка? Нийса ма боху Узум – Хьаьжас, х1ун башхалла ю хьакха мичча басехь хилча а? Вай сийлахь везачу Аллах1 – Делаха д1акъасто г1ерташ т1ег1ерташ яц иза? Цо вай хьошур ду, дайар ду, вайгара Нохчалла д1айоккхур ю ша тоьле ялахь!
     Хаалаш, махкахой, вайн сутаралла, саьхьаралла Нохчаллел толахь, юьхь1аьржа х1уьттур ду вай бакъдуьненахь Далла хьалха.



**

    Салам-Хьаьжега хьехамаш байта уьхуш цхьа тоба яра. Шен хьехамашкахь Кунта –Хьаьжин мурдана цкъа а диц ца лора эвлияа аьлларг: нохчочун коьрта т1ерехьат, коьрта некъ – Нохчалла бу. Нохчаллеха воьхнарг бен бусалбанан динаха а вухур вац…
     Шен рог1ехь шен мурдашна Салам – Хьаьжас дуьйцура Нохчаллех лаьцна:

     Ша бен да воцчу хьоло стеган дагчу куралла тосу, цунна шех ирсан да тарво, 1ехаво, тиларшка вуьгу. Амма ду цхьа жовхар, стаг ша цхьа1 порг1ате, токхе, ирсе вина ца 1аш, цу стагана и жовхар массаьрца а декъа лууш, массарна а цуьнаха дакъа кхачайта лууш, ур-аттала шен мостаг1ашна а.
      Цу инзаречу, тамашена хьолан, жовхаран ц1е ю Нохчалла!
      И тайпа 1аламат шашах кхолладала йиш яц стеган дагчу, хьарча йиш яц стеган сих. И 1аламат, шеко йоццуш, сийлахь везачу Аллах1-Делера совг1ат ду нах болчу нахана делла. Цундела шен кийрахь Нохчалла девзанчу стагана ца оьшу кхи цхьа а тайпа совг1аташ – паччахьан 1едало кхийдо мехцалгаш.

      Нохчалла йолчу стеган дагчохь йоккха, барам боцу куралла ю. Амма иза – ша-тайпа куралла ю. Цу куралло ша дерриге а чулоцу – къонахалла, деналла, стогалла, майралла, собар, хьекъал, кхетам, эхь-ийман, къинхетамалла, безам, комаршалла.
      Нохчаллехь волу стаг воьхна ца хьаьвза муьлхха а хало, бала, тешнабехк шех 1оттабаларх. Нохчаллехь волу стаг холчах1оттош дерг цхьаъ бен дац – ша шегара яьлла ледарло, к1езгалла, сонталла.

      Ша-шена воккха суьдахо ву кийрахь Нохчалла ерг, Нохчаллийца сийлахь везачу Аллах1-Делаца з1е ерг. Цо ша-шена дечу та1зарал доккха та1зар дац цунна кхи цхьана  а чалтачо дан.

     Нохчалла лелон цхьа а тайпа суьрташ х1итторан билгалонаш ца йитана Нохь-Пайхамара. Х1унда аьлча, и блгалонаш талхоза, галъяхаза, хийцаза юьтур яцара наха. Т1аккха и билгалонаш нийса лелораш а, нийса ца лелораш а, аьлла, бекъалур бара нах.

 
      
     Дагчохь, сица, ойланашкахь, стага лелон т1ерехьат угаре а мехала т1ерехьат ду Далла гергахь. Иштта ойланаш хилла Накъшбандан а, вайна тахана иза дукхахболчарна дицделлехь а. Кураллаш ца езар, г1ийланиг, мисканиг шайл эшна ца хетар, доккхуш долу рицкъа хьанал хилайтар хилла угаре  коьртаниг Къадарин т1ерехьатехь. Иза а вай тахана ца дуьйцу. Амма и дерриге а т1ерехьатан некъаш вовшахтухуш бу цхьа генара, угаре а къоргера схьабог1у т1ерехьатан некъ – Нохь-Пайхамаран некъ – Нохчалла!

      Динан дай бу бохурш тайп-тайпана хилла гуттара а, тахана санна.
      Куралла нах нехаш а хеташ, фаэтонаш т1ехь хехкалуш, сакъоьруш леларш а хилла, вайна дага а догуш. Уьш х1инца а болуш бу.
      Паччахьан 1едална бохка а бела, шортта латтанаш а, даьхний а долуш, хьоладай а хилла 1аш берш а бу, уьш а вайна бевза. Шаьш шайн куьйга даьккхигнчу рицкъанах бен ца кхеташ, хьанала чекхбовла г1ертарш а хилла, шайн къоман г1айг1а – бала берш а хилла, боцурш а хилла. Дала шайхалла делларш а хилла, шайхалла ду шайгахь моттайта г1ертарш а хилла.
     Цундела, Къор1ано, Инжало ма-баххара, цара дечунца хадо беза церан мах, багахула цара схьадуьйцачунца хадо ца беза.
     Шалхонаш, бозбуунчаллаш, кураллаш ца езна Нохчаллина. Нохчаллеца воцу динан да цкъа а ца хилла я Аллах1-Делаца а, я шен къомаца а, х1унда аьлча, иза эхь-ийманца ца хилла. Ткъа эхь-ийман – угаре а коьртаниг ду бусалбан динехь.



     Алапа ца луш, банк д1асецча белхалошна алапен метта к1а, жижиг, складехь йиссана шифер, цемент, уй, кхийолу х1ума луш, нехан балхах дог ца далийта г1ерташ, х1инцей-х1инцей г1уллакх мета ца дог1уртехь, бохуш, схьавог1ура председатель. Машенашна а, тракторшна а бензин а, солярка а шен ахчанах оьцуш мур а беара.  Амма г1уллакхаш де-дийне мел дели телхаш схьадог1ура. Т1аьххьаре а совхозан банкера счет д1акъевлира, заготскотехь бежнаш д1а ца оьцура, цу б1аьста д1аден х1у ца делира. Х1етте а колхоз йоьхна д1а ца йохийтуш, тийсалуш схьавог1ура Ибрах1им. Керла 1едал жимма д1атийнера, шен Ибрах1им винай бен г1уллакх хир доцай хиъчи. Амма тешнабехк дагахьдоццучара кхечира.
     - Сийсара вайн цхьаболчу белхалоша къайлаха собрании йина хилла, - чу веара 1уьйранна парткоман секретарь Дадашев Сайпуди. Дукха хан йоццуш школера кхуза балха хьажайна вара иза райкомо.
     - Х1у собрании? Мича белхалоша? – ца кхийтира председатель.
     - Гаражехь гулбелла хилла. Доцца аьлча, тракторш а, машенаш а шайн дола яха барт бина цара. «Вай уьш вешан ц1ахь совцор ю, т1аккха председатела х1удо а хьовсур дув ай» - барт хилла церан. Хетарехь, зуькаре баханчахь Вермут – Хьаьжас цхьаъ дийцина цаьрга.
     Ибрах1им доллучах а сихха кхийтира, и дешнаш Дадашевн багах довлале.
     - Схьагулбел нах тахханехь! Собрании йо вай! – элира цо.
     Дукха нах гулбеллера колхозан конторан зал чу. Чу ца тарлуш берш арахь учохь лаьттара. Массарна а хеара, х1ара г1уллакхаш цхьана хорша дерза дезаш дуй.
     - Вежарий, йижарий! – тамашена долайра Ибрах1им шен къамел юьхьанца дуьйнна. – Вай тахана бан безаш цхьа къастам бу. Ас шуьга къамел председатела санна дийр дац. Со шу вериг ву тахана, шуьха цхьаъ. Амма суна цхьацца х1уманаш гина, хеа. Сайна гинарг а, хуург а дийца кхайкхина ас шу кху чу. Дан шуна луъург, аш боххург дийр ду вай. Шун ма ю х1ара колхоз. Шун дуьхьа кхоьллана а ю.
     Цкъан а ца хиллачу кепара тийналла х1оьттинера зал чохь. Ур-аттал йовхарш тухуш стаг вацара.
     - Планови экономикайна т1ера д1а а девлла, рыночни экономикай т1е довлу, бохуш, цхьа политика ю Москвахь йолайна. Ишттаниг сихаллех деш ца хуьлура. Мацах колхозаш яхка а сихбелира большевикаш, жима а таро мел йолу нах дакъаза а бохуш, кулакаш бу боху ц1ераш а тохкуш. Х1инца колхозаш а, совхозаш а йохон сихбелла. Хьенан коча г1ур ду иза? Мила лазор ву цу политико? Угаре а г1ийланаш,  колхозашкахь, совхозашкахь шайн г1ийла, хьанал рицкъа доккхуш берш.
     Къамел дечура сецна, зал чу б1аьрг боьттура председатела. Хетарехь, наггахь а вацара и дешнаш къобал ца деш.
     - Кхи цхьа х1ума а ма ду вай тидаме эца дезаш, - юха а къамел долайра Ибрах1има. – Казахстанера вай ц1адерзайчихьанна мегарг белхан меттигаш ца нисъйинера вайна кху республикерчу 1едало. Заводаш, фабрикаш ца ехкинера нахана тоъал, я Грознехь йолчу предприятешка нохчий балха а ца оьцура. Иштта дуй иза? – хаьттира Ибрах1има.
     - Ду. Дера ду! – масех стага жоп делира зал чуьра.
     - Вайн нах, къар ца луш, Казахстане, Росси сезонни балха иха бийлабелира, оха, коммунисташа, «шабашникаш», бохуш сийсаз а беш. Х1инца цу нехан и «шабашка» а йоьхна. Рыночни экономикайна т1е бовлучара сацайна вайн пачхьалкхера «Сельское строительство» олу программа. Госплана и программа хадайна. Цу программайца д1акхачош дара и цу стройкашка балха уьхучу нахана луш долу ахчанаш. Х1инца и кхобаь1а эзар стаг ц1ахь, шайн ярташкахь виссана. Царна дан белхаш цхьаммо а ца кечдина. Уьш бу, цхьана х1умане сатуьйсуш, цу дудаевг1ара ечу митингашка лела нах. Хьерабевлла лелаш а бац, оьрсий цабезаш, цареха д1акъаста лууш лелаш а бац, я мацахлера х1уманаш дагалоьцуш, церан бала болуш лелаш а бац. Наха дикачу хийцамашка сатуьйсу, къаьсттана, белхан меттигашка. Амма и нах 1ехош бу вайн политикаша, вай вешан паччахьалкхе а кхуллур ю, вай дашон бирг1анаш чухула эмкалийн шуьреш а мер ю, бохуш. Шуна шайна а хезнакха цара телевизоршчухула дуьйцу туьйранаш. Болх боцуш биссанчу нахана колхозаш а, совхозаш а йоха а йина, шу а т1екхетча, х1у хир ду цуьнах? – мохь тоьхнна хаттар х1оттайра председатела.
     Зала чохь болу нах тапаьлла тийна 1ара, цу хаттарна председатела ша жоп ло, бохуш. Амма председателна цу хаттарна жоп белхалоша шаьш дала леара.
     - Х1ун хир ду цуьнах хоьттий аса – м? – юха а кхайкхайра Ибрах1има.
     - «Дика болх хир бац», «Нахе мацалла х1уттур ю» «нах къолаш дан х1уьттур бу» «Нах д1аиха бийлалур бу» «Наха лечкъош, шинарш яжа юьтур яц» - тайп – тайпана дара жоьпаш.
     - Цуьнах т1ом хир бу шуна! И т1ом кху чохь баржо г1ерташ цхьа нах а бу шуна! – шеко йоццуш элира Ибрах1има. – Цундела, ойла е. Я вай ницкъ ма кхоччу, цхьана муьрехь вешан колхоз латтайо, йоха ца йойтуш, я аш х1орамма а я машенах, я тракторах, я бежнех, я устаг1ех ка а тоьхна, вай дерраш д1асадовду? Амма хаа ду шуна, д1асадовдарх вайн аренаш лело а, вайн ирзеш денда а, вайн лаьмнашка цанашна т1едоьлху некъаш латто а ницкъ кхочур бац шуна. Уьш ерриге а акхаевр ю. Х1инцалера кегийнаш мацах кулакаш бинчу бежа1уйх, я ахархойх тера ма бац. Церан ойла лаьттат1е ерзале, уьш лаьмнашка хьала а бахана, цара к1отарш денъяле дукха шераш д1ауьхур ду. Колхозаш, совхозаш йоха а ца еш, цаьрца цхьане ехкича бакъахьа дара и фермерски хозяйстваш. Деш дерг жим-жима, хьекъалца дан дезара, Китайхь санна, дерриге а дохо а ца сихлуш.
     - Ас дала мегар дарай цхьа – хаттар? – зала чуьра схьакхайкхира 1илман ц1е йолу бригадир.
     - Мегар ду, хаттал, - бакъо елира председатела, ша лаьттачуьра охьа а ца хууш.
     - Мацах колхозаш яхкар а, х1инца уьш йохор а, бехк боцуш баь1а эзарнаш нах х1аллакбар а нохчийн бехкаца ма дац, Москвара доьнна схьа ма ду х1ара. Х1ара къацахетаран хьера хьийзош волу пхьархо Москвахь ма ву, вуьзна кура а ваьлла, ша х1удер ца хууш хьийзаш. Вайга х1у далур ду, вай Москвана дуьхьал довларх?
     - Иза нийса хаттар ду, - сихха реза хилира председатель. – Москвана дуьхьалдовла таро яц вайн. Цара илла а била а совхозаш а, колхозаш а йохош елахь, вайга х1умма а далур дац. Ас бохург – мелла а сих ца далар. Хьанна хеа, цигахь а политика хийцаяла ма мега. Ерриге а юург кхечу паччахьалкхешкара эцна евр ма яц Росси. Юха а ахча а, техника а схьахеца ма мега. Мацалла х1уттур ма ю юьртабахаман отраслана г1о ца дича. Гурралц мукъа собарде вай, колхоз йохайна, д1а ца йохийтуш? Т1аккха, оьшуш хилахь, тракторш а, машенаш а, кхийолу х1ума а шун дола йоккхуш цхьа законно ма бохху лол беттар бу вай.
     - «Нийса ду!» « Иштта дича бакъахьа хир ду!» - маьхьарий доьттура зал чохь.
     Дош дийхира Отечественни т1еман ветеран волчу, шуьрийн товарни станцин бригадира Муслимов 1абдуллас.
     - Суна хетарехь, вай цхьа х1ума дан деза, - элира цо, ша Ибрах1иман къамел къобалдина ваьлча. – Вайн д1аен езаш аренаш ю. Амма, гарехь, д1аден к1ен х1у дац вайн. Цундела цхьа иттех бежана д1а а йоьхкина, сихха х1у эца деза. И цхьаъ ду. Шозлаг1а – даьхнийлелорхошна а, цхьанна а луш алапа дац вай. Цундела лома даьхний эцна боьлхучу 1ушка совхозан бежнашцане цхьана шайна мел луу шайн бежнаш а леладайта деза вай. Кхозлаг1а – шофершна а, трактористашна а, конторан белхалошна а, массарна а цхьа барам а тоьхна,  гурахь ялта а, жижиг а дала деза вай. Иштта цхьана эха шарахь вешан колхоз юхучара сацор ю-кха вай, суна хетарехь.
     - 1абдуллас бохучунна реза дуй вай? Гурралц мукъа вешан колхоз 1алашъйой вай? – хаьттира председатела.
     - «Реза ду», «1алаш йо!» - къобалдира гулбеллачара. Куьйгаш айдича, дуьхьал цхьа а вацара.
     - Кхи а цхьацца къамелаш а дина, гуламе гулбелларш д1асабахара.
       Ибрах1имна коьртачу хаттарна жоп карайнера.



     Нахана дош хеташ, лоруш хиллачу ден, Итон – Кхаьлла к1ошт1а юьккъе йог1учу Эзи Юьртарчу  Улхьажин к1ант вара Арсанукаев Иналук. Улхьажин да Арсанакъ а хиллера Имам Шемалан заманчохь г1арабевллачу къонахашна юьккхъехь.
     Дена шен к1ант шел лакхавала леа бохург бакъ ду. Улхьажин ницкъ кхечира 1902 – чу шарахь Иналук Египте бусалбанан дешар деша вахайта.
      Цигара ц1авеъча иза Чармоев Орцас г1о а дине, Россин паччахьо д1а а хьажайна, дуьненан 1илма 1амо Франце, Париже вахайтира.
     Юьхьсибат, дег1ан хат1, амалш  башха тайна, оьзда, ц1ена яра Иналукан. Улхьажин ворх1 к1антана юьккъехь угаре а куьцехь, дукха дешнарг, угаре а самукъане а забаре а вара Иналук. Дас а, вежарша а, вевза – везачара а цуьнах Инал олура.
     1877 -  1878 шерашкахь хилла Российн – Туркойн т1ом чекхболуш бинчу бартаца Къилбаседан эрмалойн мехкан дакъа Турцера схьа а долуш, Россин пачхьалкхана юьккъе дахара. Х1етахь дуьйна и дакъа лардеш, эскарш дара цигахь Россин паччахьо латтош. Францера т1емалойн 1илма 1амош дика дешна а ваьлла юхавирзича Иналук цу  эрмалойн махка хьажайра оьрсийн императора Николайс. Цигехь, Эриванехь девзира Иналукна шен къомах лаьцна инзаре тамашайна х1уманаш.
     1917 – чу шарахь, аьхка дара иза. Нахарянц  Ашот ц1е йолчу цхьана  гимназин хьехархочун к1ант чаг1ар а мелла, харцахьа леллера. Цхьана оьрсин эпсарна т1ара тоьхнера цо, йо1 къевсанчахь, бал юьккъехь, дуккха а нахана а гуш. Накъосташа д1асаваьккхинера и шиъ. Амма г1уллакх гарнизонан инарле даьллера.
     Халча х1оьттина, вега а веш, веара къоьжа Ашот гарнизоне, шен к1ант 1едалан кара ма лахьара, чу ма воллайтахьара, аьлла, дехара дан. Иза т1еийцира командиран адьютанта, эпсара Арсанукаев Иналука.
     Воккхастаг чуволлушехьа, цуьнах къахетта, дуьхьала велира лекхачу дег1ахь, х1айтаьлла, куьцехь жимастаг. Цо шеца лаьцначу г1иллакхах, цуьнан оьзда леларехь хиира Ашотна ша т1евеанарг муьжги ца хилар.
     - Эпсар Арсанукаев, бехк ма биллалахь, кавказан къаьмнеха – м вац хьо? – хаттар дира къоьжачу эрмалочо.
     - Ву, - элира Иналука, воккхачу стагана охьахаа г1ант а нисдеш. – Со нохчо ву.
     - Суна дукха хезна аш баккхайчу нехан сий – ларам бо, бохуш.  Иза оьзда г1иллакх ду, - доггаха элира чу веанчо.
     - Эрмалойн а ду дуккха а хаза г1иллакхаш а, догц1ена адамаш а, - жоп делира Иналука.
     - Ас хьоьга тхаьш хастадайта ца элира. Суна дуккха а х1уманаш хеа шун къомах лаьцна, шуна шайна а дицделларш, - т1етуьйхира хьехархочо. Гарехь, Иналука шеца х1оттайна г1иллакх хаза хетта, ша деана г1уллакх а дицделлера цунна.
     - Со а цецваьккхина цхьацца долчу х1уманаша. Нохчийн дешнаш хаало суна эрмалойн маттахь, - дийца волавелира Иналук. – Цул сов, шун дуккха а  лаьмнийн, 1аннайн, яртийн ц1ераш нохчаша техкина йолчух тера хетта суна.   Хетарехь, мацах цхьана, я ул-уллохь дехаш хилла вай.
     - Во-о-о! Цуьнах лаьцна ала ма воллура со а, - б1аьргаш къегира Ашотан. -  Суна хетарехь, нохчий  мацах заманчохь кху махкара д1абахана бу Къилбаседа Кавказе. Тхан дайшкара схьадог1уш ма ду, нохчий мацах заманчохь кху лаьттан элий хилла, бохуш. Нахарараш олуш хилла церах т1аьххьалц а. Цу нахарарин т1аьхьенаш-м х1ица а йолуш ю. Со цхьаъ цераха а вукха хьуна, - б1аьргаш къаьрзира воккхачу стеган.
     - Вайшиъ-м гергара ву т1аккха, - велакъежира Иналук а.
     -  Ереван йиллинарш а нохчий хиллачух тера ду. Нохчийн г1ала  Эрибуни  (Арен Бун) хилла мацах х1ара шахьар йилланчахь, - дуьйцура кхад1а а Ашота. – Кхул дехьо – о Арен Берд, Хой олуш т1амна ч1аг1йина т1улган г1опаш а хилла. Аре, арена, аренца, Арарат – боху дешнаш дерриш а нохчийн дайшкара диссина ду. Цуьнах лаьцна стохка Тифлисехь дийнна книга арахецна Туманов Константин Михайлович ц1е йолчу 1илманчас. Хезний хьуна, Иналук, цу книгех лаьцна х1умма а? – хаьттира Ашота.
     - Х1ан – х1а, ца хезна. Х1у ду цу т1ехь? – хаа лира  эпсарна.
     - И ч1ог1а мехала книга ю вайн Кавказан истории йовза луучунна, - ч1аг1дира воккхачу стага. – Ас Гуьржехара веанчу цхьана накъостера схьаэцна, ешнера иза. Ма хила езара и книга Нохчийчохь. Цо меттах1оттор бара цо шун ширачу, генаяьллачу историн бух. Сайн аьтто хилахь, и книга лохур ю ас хьуна.
     Шен к1антана зулам хир доцуш, цунна горнизонан инарлас гечдийр хилар хеъначул т1аьхьа кхоччуш самукъадаьлера Ашотан. Иналукца гергарло ч1аг1да лууш, шайга хьошапг1а кхайкхира цо иза т1едог1учу к1ирандийнахь.
     Веза хьаша вина т1еэцнера эрмалойн доьзало къона эпсар. Туркойн эшарш лакха цхьа хьаша а кхайкхинера цара.
     Т1ехьара 1адхьокху пондар локхуш цхьа говзангча а волуш, дукха томехь, дагах кхеташ лоькхура туркойн йо1а эшарш. Дешнаш ца хаахь а кхетара цу г1ийлачу мукъаман эшарша х1у дуьйцу. Цхьа тамашена ойла хьерчара Иналукан кху лаьттах, кху лаьттан 1аламах, дукха хенашкахь къаьстана лелла,ша юхавирзича санна. Иштта дагна тамехь ца хеттера кхунна я Египтера а, я Россера а, я Францера а латтанаш.
     Стоьмийн, кемсийн бешахь шаьшшиъ вара Иналукке, Ашотте. Меллачу чаг1аро са кхи а дуткъдинера эрмалойн воккхачу стеган. Иза къамелашка ваьллера.
     - Ах эрмалой туркойн махкахь биссина. Ах Россица бу. Декъаза г1уллакх ду къоман шен пачхьалкхе ца хилча. Кхечу къаьмнийн когашк1ел диссина къам декъаза къам ду, - б1аьргеха хиш а дуьйлуш, дуьйцура Ашота.
     - Сан ишттаниш дийца бакъо яцахь а, со Россин паччахьан эпсар ма ву, тхан къам мел хьийзайна хеий хьуна? – ц1еххьашха хаьттира Иналука.
      - Дера хеа! Хеа дера! – реза хилла, къобалдира эрмалочо. – Шун дайша хьегна бала а ма бу доллачу а дуьненна а хууш. Х1уде ткъа. Иштта дукха кегийчу къаьмнийн рицкъанаш. Г1ело ма ю вайгахь. Цхьана хила дезара дерриге а Кавказан къаьмнаш, йоллучу а Кавказах вайн цхьа доккха ц1а а дина. Делахь а, и дойтур дац  вайга. Политически кхетам а культура а лахара ю вайн къаьмнийн х1инца а. Зама ца кхаьчна х1инца а. Ама зама йог1ур ю…
     Дукха хан ялале паччахь воха а вина, 1едал шайн кара лецира большевикаша. Советан 1едалехьа бевлира дуккха а эрмалойн революционераш. Инарлин дарже кхаьчначу Иналукан шен ц1а верза дийзира



     Сарахь Ибрах1имн волчу чу веара Расул, цуьнан  к1ант.
     - Дада, х1ун хуьлуш ду хьан балхах, тахана собрании яра аьлла ма хезира суна колхозехь, - хаьттира цо, шен кузганаш а нисдеш. Дас охьахаа  ца аьлча, ирахь лаьттара иза.
     - Д1аяйал и телевизор. Охьахаал эцциге, - пурба делира дас.
     - Вайниг бен кху районехь а, ур-аттал республикехь а йиссана кхи цхьа а колхоз а, совхоз а яц ма боху. Берраш а председателаш а, директорш а шайга тохалучах ка а тоьхна, шайн ц1ахь севцна ма боху. Хьо ма ч1ог1а тасавелла хьайчух, - забарна санна элира к1анта. Амма Ибрах1имна и забар ца хийтира.
     - Лоьран болх оьшуш буй кху юьртахь? – хаьттира дас шен к1анте, лоьре.
     - Бу дера, – жоп делира к1анта. – Лоьраш ца хилча нах лийр ма бу.
     - Дан белхаш ца хилча, яа х1ума ца хилча, лийр бац нах? – хаьттира дас. Цунна жоп карадале т1етуьйхира. – Мацах «Целина» олуш цхьа болх бара Брежневс язбина. Цу т1ехь цо цхьа хьадис даладора: «Къор1анна т1е ког баккха бакъо ло Дала, нагахь и ког баьккхича бен стаг бепигана т1е кхочуш вацахь». И бохург – рицкъа ду коьртаниг. Рицкъа хаьдда стаг кхераме ву. Цо къолаш до, нах бойу. Цундела г1ертакха со, к1ант, нах бан болх а, даа рицкъа а доцуш ца бита.
     - Суна – м  Дудаев бакълуьйш хетта, - эккхийтира к1анта.
     - Стенна т1ехь ву и бакъ? – хаьттира дас.
     - Вай вешан пачхьалкхе хилча парг1ат а, токхе а 1ийр дара. Мел хьалдолуш, мел токхе мохк бу вайн. Кхи х1умма а ца хилча а, мехкадаьттино кхобур дара вай.
     - Теорица  нийса хила мега ахь а, хьан Дудаевс а бохург, - корта ластайра дас, -  амма дахарехь практически д1анисда аьтто хир бац цу идейн цкъа х1окху муьрехь.
     - Х1унда? – т1евирзира Расул
     - Вай декъалур ду. Х1инцале а декъаделла. Нохчий нохчийн коча кхуьйссур бу Москвас хьаьвззана. Цуьнах т1ом хир бу. Вай д1акъеста ца деза кхийолчу Къилбаседан Кавказан республикех. Цара диннарг а деш, 1адда 1ийчи г1олехь ду вайна, ваьш х1аллак а ца дойтуш.
     - Уьш – м партократин ойланаш яра, Дада. Шуьга, коммунисташка, даржаш д1а ма ца хецало. Цулле а, дуьхьал а ца вуьйлуш, Дудаевн накъост хилахьа, цо хазахетарца улло озор ву хьо а, хьо санна болу кхетаме куьйгалхой а.
     - Со дарж дезаш хилча, г1ур вара со, к1ант. Ишттаниг соьга кхи ма хьахаделахь. Цунна улло лелхаш хьийзаш берш гуш бац хьуна? – оьг1азвахара Ибрах1им.
     - Москвара дуьнна охьа хийцалуш ма ду 1едал, Дада, ца го хьуна? Вайнехан кица ма ду: «заманца ваханарг замано айвина, заманна дуьхьалваьлларг замано хьаьшна».
     - Замано айбинарш Мециевве, Вермут – Хьаьжай букха, ахь дийцарехь. Царна улло х1отта боху ахь соьга?
     - Мециевве, Вермут – Хьаьжай хьалхабевлла, хьалхадовла хьо а, хьо саннарш а ца х1оьттинадела. Аш схьадаккха 1едал Вермут – Хьажаг1аьргара. Шу д1ах1ийтта Дудаевна улло. Суна хетарехь, и Дудаев х1умма а 1овдал стаг вац. Осал – м иза ванне а вац.
     - Хьайн да 1овдал а, осал а ву ала г1ертакха хьо? – кхоччуш оьг1азвоьдуш лаьттара Ибрах1м.
     - Ма алахьа, Дада, иштта, - хьовзавелира к1ант. – Цулле а нах санна 1адда1ехьа хьо а. Шайна луъург дайтахьа цу колхозах а. Наха хьо и колхоз юуш ву, цо хьуна цхьа инзаре бахам ло, цундела тийсало хьо цуьнах, ма боху. Кхана 1уьрре Дудаевн 1едал ч1аг1лахь, кхи а сов не1алташ кхийкхор ма ду хьуна цу наха.
     - Хеа суна, - т1етайра да. – Суна сайн дагахь дерг, сайн 1алашо Далла гичахьанна тоьа.
     - Хьо Делана а дуьхьал ву, хьо Делах тешаш а вац, я ламаз – марха дош хеташ а вац  ма боху цара-м.
     - Бохур ду Вермут – Хаьжа санна Делаха бевллачара. Хьуна-м ма хеа ас цхьа а ламаз а, марха а ца дуьтай, суо вала а волуш.
     - Суна хаарх х1у пайда бу, нахана ца хеъча. Цкъа – шозза рузбана мукъа г1охьа. Нахана гайтахьа хьуо ламаз деш.
     - Ишттаниг Далла гергахь нийса дац, к1ант, - билггала элира дас. – Далла ца дезна нахана ша суьпаваьлла гайта г1ертар. Рузбана-м со уьхур ву жима а сайн хан хилча.
     - Бакъволу коммунист вукха хьо, Дада, - вела къежира к1ант. – Хьо соьга нислур вац.
     - Бакъволу коммунисте, бакъволу бусалба стагге цхьа1 вуй хеай хьуна? – дагахь доццург хаьттира дас.
     - Вуй, Дела вац боху коммунисте, Далла г1уллакхаш деш волу бусалбай цхьаъ муха хуьлу? – цецваьлла хаьттира Расула.
     - Дела вац бахарре бен, кхи сакхате х1ума дац коммунисташа хьоьхург, - кхетавора дас к1ант. – Цунна а Дала гечдийр ду царна, шаьш юьхьарлаьцна некъ цара ц1енна д1акхехьахь.
       Хьуо кхетар ву хьо т1аьхьо – о, нагахь капитализм тола а тоьлла, цу системехь хьайн вахар хилахь. Коммунистийн идеологис дохайна х1умма а дац. Цара бохург а, Къор1ано бохург а коьртачунна т1ехь цхьаъ ду. Дохайнарш шалхонаш лелон нах а, саботажникаш а бу, коммунисташ ду шаьш  бохуш, адамаш 1еха а деш. Китайцаша ма ца дохадо шайн коммунистийн 1едал. Уьш вайл 1овдал бу? Гур ду хьуна йоккха хан ялале Китайх кху дуьненчохь угаре а хьалдолуш пачхьалкхе хуьлуш.
     Цу доллучух а кхета хала ду. Цундела хьуна а, нахана а бехк ца буьллу ас. Вуьшта, со 1адда вита Далла гергахь а, нахана гергахь а сайн декхара кхочушда.
     Чу къаьрзанчу Лайсас д1авигира шен к1ант а, х1усамда а х1ума яа.


      1едал хийцадала г1ертачу муьрехь дукха нехан, мел шаьш хьекъал долуш ду моьттачеран а, ойланаш хьийзара. Муьлуш лоь бакъ – к1айнаш,  ц1енаш, хьоладайшна т1аьхьа х1иттинарш, керла ваьлла имам бакъвийраш?
      Х1у боху динан дайша? Уьш а х1унда бекъабелла? Цхьаберш Чармоев Тапина, вуьйш Деникинна, вуьйш ц1ечу муьжгешна, вуьйш Узум – Хьажина т1аьхьа х1унда х1иттина?  Цхьаъ дац бусалба дин, Къор1ан, бакъдерг, нийсаниг, пайхамарша къобалдлеш хилларг? Х1унда, мича бахьанца бекъабелла бусалбанаш ду шаьш, бохуш, лела нохчий? Цхьа къам дац вай? Иштта дукха ду вай, декъа а дела, вовшийн дайа?
     И хаттарш эцна Салам – Хьажина т1е ваха сацам бинера эрмалойн махкара ц1авирзанчу  Иналука.
     Шен ц1ахь карайра инарлина шайх. Иза веара сарахь, шеца цхьана накъост а воцуш, инарлин духар хийцина, тиша оба а юьйхина, сирачу говрахь.
     Шаьшшиъ вара шайххе инарлий цу йовхачу, екхначу аьхкенан буса раг1у к1ел.
     Шен ц1ийнадена а, хьешана а яа х1ума а елла, ц1ийнана дехьа чу яханера.
     Иналукан кара, деана, цхьа доккха можа цициг хиира. Салам – Хьаьжа велавелира:
     - Дика нах бевза боху берашнай, цицигашнай.
     - Дика - м хир вацара со, шайх, вайн нахах къа – м хетта сунна. Юха а ц1ий дукха 1енаш, - г1ацйг1ане элира инарлас. - Динан дайн ойланаш мукъа х1унда екъаеллате? Цхьа къор1ан дац бусалбан 1еламан наха доьшуш а, 1амош а дерг? – хаьттира Инала.
     - Ц1ий дехха 1енар ду, вайна ваьшна дитина Весет схьакароллац, - дагахь а доцург элира т1аккха шайха.
     - Весет? Х1у весет? – ца кхеташ, хаьттира Инала.
      Салам – Хьаьжас жима хан ялайтира, жоп ца луш, цхьана х1уманан ойла еш. Т1аккха элира:
     - Ас айса а дуккха а ойланаш йина х1етахь Кунта – Хьаьжас сайга дийцинарг бахьанехь. Цхьа йозанаш хилла вайн генабевллачу дайша лелош. Зил – йозанаш. Хьалха уьш багийначу сацкъар т1ехь деш хила. «Кехат» бохург а – «кехь хат» бохучу т1ера схьадаьлла ду. Т1аьхьо элпаш дабаг1динчу ц1окий т1е яздеш хила. Иштта йозанаш хила вайн дайша кара – кара а луш, схьадахьаш. И йозанаш – вайш генабевллачу дайн  Весет хилла шай т1екхуьуш йолчу т1аьхьене яздина. Масех Весет, наха вовшашка луш, схьадеана, дийцира соьга эвлияа.
     Инал ч1ог1а садо1а ца ваьхьаш, 1адийча санна 1ара. Салам – Хаьжас кхид1а а дуьйцура:
     - 1864 – чу шарахь  1ай шай, шена уллора тешаме мурдашше лаца а лаьцна, г1азакхаша д1авуьгуш, Кунта – Хаьжас аьлла дешнаш ма хеа хьуна? – хаьттира шайха.
     - Г1азакхех леташ, шаьш кхача ма дайта, царна луург – шуьга г1еттамаш а бойтуш, шу кхачор ду. Цара алахь килсашчу а г1о, уьш т1улгаш бен дац, охка алахь, коча жа1арш а охка, уьш эчигаш бен яц, шун дегнаш бусалба хилчахьанна, бохург дуьйций ахь?
     - Дуьйцу. И мичара схьа ду хеай хьуна? – къежира шайх.
     - Х1ан – х1а. Мичара схьа ду?
     - И дера ду дукха генара схьа! – къегира шайхан б1аьргаш. – «Йилбаз доьлхуш, мохь хьоькхуш хьийзар ду, тоха шена, бохуш Амма шена мет туьйхи, шаьлта, тур, я тапча, иза хуьл – хуьлуш инзаре доккха хир ду. Доккха хилча цо массо а х1аллаквийр ву. Цундела ларло, ма кховда Йилбазана т1е…» - хезнерий хьуна иштта вайн дайшкара схьадог1у весет?
      - Хезнера. Дера хезнера! – жоп делира Инала.
      - Иштта ду цхьа  Весет. Йилобазо карзахдахарх, кара герз ма эца шаьш тоьла доцчу т1амехь, боху цо. Шен сих къа ца хетачунна доллучу къомах а къа ца хетта. И шайн синош совдевлларш бу нах боцу нах , - элира Салам – Хьаьжис. – Нах боцу нах а, нах болу нах а мацах дуьйнна ч1ог1а вовшех къастош хиллий хеай хьуна? – хаьттира т1аккха шайха.
       - Х1ан – х1а, ца хеа. Хезна дац.
       - Цундела 1иттало – кх вайн къомах оццул дукха сингаттамаш, - доккхаса даьккхира Салам – Хьаьжас. – Цуьнах лаьцна а ч1ог1а аьлла хила цу вайн дайн Весета т1ехь.
       - И муха ду, устаз? – хаа лира Инална.
       - Нах болу нах Далла безна, Делаца гергарло долу нах бу, - дийца волавелира устаз. – Церан орам эзаршерийн к1оргене, Шема ц1е хиллачу махка боьду. Пайхамарин орам бу иза. Шаьш шайн къоман ц1е Нохь – пайхамара т1ера доьнна схьаяхьаш хила цара. Сийлахьчу Къор1анна чохь Делан доттаг1, аьлла ц1е яьккхина Ибрах1им пайхамар а  вайн генабевллачу дайх хила. И шайн гергарло дан ца дойтуш, лардеш схьадахьаш хила нах болчу наха. Нах боцу нах – маь1-маь11ера т1****табелла хилла. Церан ц1ийца Нохчалла ца хилла. Ахчанах, дуьненан рицкъанах атта бохкалуш хилла нах боцу нах. Х1инца вайна «чеченаш» аьлла ц1е тиллина Йилбазо, нах болу нах а, нах боцу нах а берраш а вовшех иебеш.
       Нах болчу нехан ц1ийца хила Нохчалла, цундела цара массаьрца а гергарло лелош хила, цхьа а шайл лахара а, лакхара а хеташ а ца хилла царна.
       - Шайх! Ас айса а дуккхаза а ойла ма йинера цуьнан! – 1а а ца вела, юьккъеиккхира Инал.
       - Нохчалла – ц1ийца ю. И шеца йолчунна хаа а хеа, ша лелон дезарг а, лелон ца дезарг а. – шеко йоццуш элира устаза. – Амма нах болу нах сиха 1ехалуш бу, нах боцу нах а шаьш санна бу, церан дегнаш а ц1ена ду моьттуш. Т1аккха уьш дакъаза бовлу, кара герз эцахь-м мухе а.
       - Тахана а вайн къоме х1отта герга дерг дукха ахь дуьйцург, - хетарг элира инарлас.
       - Дера ду. Тахана а, гуттара а хир дукха иштта, нагахь нах болчу нахана шаьш муьлуш ду, мичара ду, шайга Дала х1у боху, х1у дан деза, дакъаза ца довла, ца хаахь.
       - Устаз, тахана юха а доькъуш ду вайн къам цу ахь буьйцучу нах боцчу наха,  -  г1айг1ане элира Инала, - со-м цундела а веанера хьо волчу, сихвелла. Масех тоба ю кхоллаелла. Цхьаберш Орцуйн Тапеца бу, вуьйш – инарла Деникинца, вуьйш – ц1ен 1едал х1оттадо шаьш, петарбухехь санна, бохуш, лелачаьрца. Вуьйш - суьлий Узун – Хьаьжа имим ваьллача  Ведана д1агуллуш бу. Ас а, со санна болчара а х1у дича бакъахьа дарате?
       - Кунта – Хьаьжас, Дала къайле ц1инъйойла цуьнан, олура – хьайн даге ладог1а, - дийца волавелира устаз. – Хьайна пайда муха, мичара хир бу, аьлла, ойла ян волахь – тешнабехк хир бу. Хьайн къомана г1оли х1у дича, муха хир ю, бохуш, ойланашка валахь – Дала аьтто бийр бу. Цундела, Инал,  сих а ца луш, ойла е. Цхьадолу х1уманаш хьуна суначал а дуккха а г1оле хуур ду. Хьо алсам ма лела наха юьккъехула, кху ломахь 1ачу соьл а. Коьртаниг – 1алашо ц1ена а йолуш, хьайн даго хьоьхург дар ду. Суьлий а, гуьржий а, г1азакхе а, жуьгте а бен вац, хьан даго цо дуьйцург а, лелош дерг а къобалдеш делахь. Коьртаниг – вала а волуш, кара герз ца эцар, къоман сий довн х1ума ца лелор, бехкбоцуш ц1ий ца 1анор. Иштта лелахь, Делера г1о – накъосталла ца хуьлуш дуьссур дац вай. Цхьа х1ума-м хетта сунна, - Иналан леррана б1аьра хьаьжира Салам – Хьаьжа.
       - Х1у ду и,  устаз?
       - Табарчий дукха хилар дика дац. Иза Къур1анехь а, жайнишкахь а магайна дац. Цундела, кхи цхьа тоба кхолла а ца г1ерташ, цхьана нахана т1е х1унда ца воьду хьо, уьш, хьайга берзалахь, нийсачу новкъа берзо?
       - Нийса некъ муьлхарниг хир баратехь? – сихха хаьттира Инала.
       - Кху муьрехь нийса некъ – вайн вешан, цхьаннех а йозуш йоцу пачхьалкхе кхоллар хетта сунна, - шеко йоццуш элира шайха. – Х1унда аьлча, вай Россин карахь совцахь, вай деба, вайна чу са дан, вай шайл тола луур дац царна цкъа а. Нана хир яц вайна цуьнах, денсте бен. Амма герзаца дуьхьалдовла а мегар дац. Вай дайаш, жимдеш самукъа дер ду церан. Мелла а бусалбанийн 1едал х1отто 1алашо лаьцначунна улло г1орта веза. Мелла а шайца цхьа къинхетам а, адамалла а йоцуш хир бац уьш.
       - Бусалбан байракх Узун – Хьажигахь юкха, - эккхайтира Инала.
       - Суна ца вевза иза. Сан цуьнца г1уллакх хила дац, - элира Салам – Хьажас. – Шайна луъ-луъурш леладайта-м мегар дац кхулт1ехьа нах боцчу нахе кху вайн лаьтта т1ехь. Суьлийчуьра шаьш лаьхкича вайна я имамаш, я саг1адоьтху нах, хуьлай схьабог1уш 1едал ду цхьаболчеран. Нохчийчуьра Суьлийчу имам хила, я саг1адеха вахана цхьа а вац. Т1еихна, нах боцу нах, цераха схьабевлла эпсарш бу Кунта – Хьаьжина мотт а биттина, иза дакъаза ваьккхинарш а.
       - Салам-Хьаьжа, нохчашна шайн пачхьалкхе ма оьшура. Вай оьшуш ма дац гуьржел, я эрмалойл, хьуна муха хетта? – хаьттира Инала. Салам – Хьаьжас, сих ца луш, ойла а йина, элира:
       - И угаре а коьртаниг ду ахь х1инцца аьлларг. Вай вешан мехкан дай ца хилахь, кху вешан мехкан бакъенаш вайн карахь а ца хилахь, вай кху махкара арадаха ч1ог1а луур ду вай карадаханчарна. Багах схьадуьйцурш цхьаъ хир ду церан, лелош дерш кхи хир ду. Говза а ларлуш а лело езаш ю цаьрца юкъаметтиг.
      Иштта хир дац мохк а, 1едал а нохчийн шайн карахь хилча. Цундела х1уъа дина а нах болу нах вовшахтоха хьажа везара. Кху муьрехь иза ца нислахь, т1ейог1учу заманашкахь хьаьжна а. Амма иза иштта нислуш дацахь, вай карадерзайначу 1едалца говза лела дезар ду. Хаза а дуьйцуш, къоман хьелаш тода дезар ду, империна хьесталуш, шен къам дохка а ца г1ерташ, шен дарж ч1аг1дар 1алашо а лаьцна.
     Кху чу г1ерташ волу арахьара стаг цхьа а нохчийн къам дезаш, иза дебахьара, иза кхиахьара, нохчийн пачхьалкхе ч1аг1лахьара, бохуш г1ертар вац цкъа а, царна оьшурш вай дац, вайн латта, вайн ялсамане санна исбехьа мохк бу. Вай кхузара мичча бахьанашца а арадаха ницкъ кхочур бу церан, вайн барт цхьаъ ца хилахь. Амма вайн барт хир бац ваьш муьлуш ду, мичара ду, хьенан т1аьхьенаха ду а хууш, ваьш лоруш ца хилахь.
     Вай ваьшна ца дезахь цхьанна а дезар дац. Ваьшна ца эшахь цхьанна а оьшур дац. Дерриге а вайн собарах, вайн кхетамах, вайн хьекъалах, вайн ийманах, ма-дарра аьлча, вайн Нохчаллех доьзна ду. Нохчаллех а ца довлуш, цхьаъхилла д1ах1иттахь ваьшна а нахана а беркате хир ду  вай. Нохчаллех довлахь ваьш а дакъазадохур ду  вай, нахана а бала хир бу  вайх.
       Салам – Хьаьжас дуьйцу къамел генна хьалха а хьоьжуш, дерриге а шера, куьзган чохь санна ган а гуш дуьйцуш санна хетара инарлина. Цундела цуьнца мела а дукха хан яккха леара, хеттарш деш, дагавуьйлуш.
       Шайх волчахь буьйса а яьккхина, 1уьйранна ша д1авоьдуш, ша юха а вог1ур хилар д1ахаайтира Инала. Салам – Хьаьжас шена иза хазахетар хилар д1ахаайтира.


     Маьждиг дина чекхдоккхуш ахчанца а, техникайца а г1олецира Ибрах1има. Вуьшта, х1ора п1ерасканан дийнахь рузбане вахар ца нислора. Колхозан хьашташна д1асахехкалора йоллучу а республикехула. Консерваш еш йолу цех йилла дагалаьцнера цо. Экономистаца йинчу расчеташца продукце санехь хила декхара дара. Цкъачунна г1аларчу консервни заводо тишъелла аракхоьссина оборудовании еанера цо, мах боцуш.
     Амма Ибрах1иман 1алашонаш а, цо хьоьгу къа а ца гора цуьнан мостаг1ашна. Цара юьртахула томехь мел доцу а, харц мел долу а эладиттанаш даржадора.
    - «Вайн пирсадатал Дела вац, бохуш, лелла  ма ву ша партехь волуш».
    - «Цуьнан сурт – м, тоьлла атеист ву, аьла вайн политпросан ц1ина чохь д1атоьхна хиллера»
    - «Иза-м х1инца а маьждигчу рузбане вог1уш а вац. Х1инцей - х1инцей коммунисташ юхабог1у, бохуш, цаьрга сатуьйсуш 1аш ву, боху»
    - «Цуьнах терранаш ма бара и тезеташкахь куьйгаш лаца аца баьхьаш, лелаш берш…»
    И тайпа хабарш ч1ог1а новкъа дара Ибрах1имна. Цунна шена бен ца хеара шен Аллах1 Делаца йолу юкъаметтиг. Цу юкъаметтиган цхьанне а балакхача оьшуш ца хилар а дика хеара г1еметта х1оьттина, кхетаман чиллахь волчу къонахчунна.
     - Дада, маьждигехь хьо вуьйцу бара ма боху Вермут – Хьаьжай, кхийолу юьртадена уллоевлла ц1их1уршше, - г1айг1ане элира цу сарахь Расула шен дега.
    - Х1у бохуш вийцина со цара? – Леррана к1ентан б1аьра хьаьжира да.
    - Хьо рузбане а ца вог1у, Далла 1амал еш а вац…
    - Дика ду. Г1ур ву со рузбана. Рузба чекхдаьлча вистхирву со цаьрга.
    - Х1у ала воллу хьо? – кхи а сов г1айг1ане хаьттира к1анта, шеен ден сиха амал евзаш.
    - Дера воллу, харцлуьйш верг я бусалба а вац, я нохчо а вац, я стаг а вац, ала! – т1ечевхира Ибрах1им. – Со 1адда мел 1ин, ас са мел доьтту эвхьазайовлуш ма ю и мезигаш.
    - 1адда йитахьа, Дада, тергал а ца еш. Шаьш д1асовцур ю  хьуна, хьо шекцаволий хиъча.
    - Совцур яц, Расул. Со новкъа ву царна. Катоха г1ерта уьш кху колхозехь диссанчу рицкъанах. Т1аккха, мацъаелла, вовшен шинарш идон х1уьттур ю, тодакхаш! И цхьа консервни цех йиллалц висса г1ертара со. Мел дукха стоьмаш бу вайн ярташкахь эрна бовш. Цаьргара уьш схьаоьцуш хилча нахана жима сомком а хир яра, цхьана шовзткъа стагана гуттаренна а бан болх а хир бара. Иштанехьа оборудовани караеанчанне, и цех йла г1ертара со.
   - Иштта нах кхето – м мегар дара, Дада, - къобалдира к1анта. – вуьшта, дов ма даккхалахь цаьрца. Боьхачу нахана х1уманах хьожа ца йог1ий ма хеа хьуна суначал а дика.
    

     Паччахьан 1едал доьхна, даьржина д1адахара. Гуьржийчохь волчу, Иналца цхьана Парижехь дешначу доттаг1чо Нодара хабар даийтира, ша волчу д1авола, болх а хилайтур бу, 1ен меттиг а хир ю, большевикаша беш болу кегарий д1аберззалц, аьлла. Цул т1ехьа к1ира далале Инал Дарьяльски ч1ожал фаэтонахь дехьа а ваьлла, Тифлисе кхечира.
     1918 шеран май бут бара иза. Шина доттаг1чунна карладевллера  доьшуш д1аихна самукъане шераш. Доггаха воккхавера и шиъ шаьшшиъ юха а вовшахкхетта.
     Гуьржечохь 1едал х1оттош болчу меньшевикин политикашна вовзайтинера Нодара Иналук. Цара жима собарде, шаьш Туркойн махкара 1едалан нах а бовзийтур бу, Нохчийчохь керла 1едал х1оттош г1одан накъостий а лохур бу, аьллера. Къаьсттина мехала дара эла Нокашидзе Иналана вовзар.
     - Сан ден доттаг1а ву эла Сумбатов. Цуьнан ю цхьа цхьа башха йо1, Марго бохуш, муьлхха а жимастаг хьеравоккху цуьнан хазалло. Суна хетарехь, хьо санна къона, тевш инарла шена дуьхьал х1оьттича, дог маллур дара цуьнан. Аса довзийта щуьшиъ вовшашна? Эла Сумбатовн нуц ве вайшимма хьох? – Забарна санна хаьттира Нодара.
     - Нохчийн санна хаза мехкарий бац кху дуьненчохь цхьанхьа а. Со цецвоккхурите цу хьан элан йо1а? – велакъежира Инал.
     - Делахь а ас тховса гойтур ю хьуна иза. Марго башха йо1 ю. Иза-м дас а, вежарша а чуьра ара йолийтуш а ма яц.
     - Дика ду. Хьожур вайшиъ и х1ун хьоза ду, - реза хилира хьаша.
     Амма шозлаг1чу дийнахь а, к1ира даьлча а Марго гар ца хилира. Иза Кутаисе шен дейиша йолча хьошалг1а яханера.
      Дег1ана лекха, зоьртала, бакхий боьмаша б1аьргаш а, товш ираххьаькхна месаш а йолуш, безамехь эпсар, инарла хилла д1ах1оьттинера Иналук, цхьа а совнаха, эвхьаза х1уманаш а доцуш. Цундела иза лара а лорура, дукха а везара вевзанчашна. Гутара а цунна дагахьлаьтташ дерг – ша д1акхелхаш шега дас дина  весет: дешар, кхетам алсамбаккхар, шен дешарах а, кхетамах а доллучу а къомана пайда хилайтар.
     Довха июнь беттан де суьйрангахьа лестанера.
     Петербургера йог1учу ц1ерпоштана дуьхьал а йоьдай, фаэтоно почта йохьура. И почта хьалха х1ора к1иранна кхочура. Х1инца – баттахь цкъа – шозза. Почтас дохьучу большевикийн газеташка ч1ог1а сатосура Инала. Царна т1ехь Къилбаседа Кавказера керланаш а хуьлура. Кху сохьта ерриге а Россин Къилбе Деникинан 1едалан карахь яра.
     Почта схьакхачаре хьоьжуш, Кура хин берда т1ехула, цхьана доккхачу таллана к1ел х1оттийначу г1онтахь хеъна 1ара Инал, книга а йоьшуш.
     Уллох т1ехбуьйлура меллаша садо1уш д1асалела нах. Дукхахьолахь уьш – шортта таронаш йолу хьоладай, я церан доьзалш. Амма Иналан цаьрца а, я церан хьолаца а цхьа а тайпа бала бацара. Ерриге а цуьнан г1айг1а – Россехь а, Нохчийчохь а хьаьвзина политикин к1ур.
     Инална уллохула меллаша т1ехъяьлла д1айоьдура ши йо1. Цхьахуерг, сецна, леррана юхахьаьжира. К1ант 1адийча санна виссира. И товш дег1, и дуткха юьхьмарш, и бакхий, эсала 1аьржа б1аьргаш… Шен дахарехь цул башха зудабер  ца гинера Иналукна.
      Цу минотехь г1аьттанчу безамна дерриге а дуьне даьржина, д1аг1урдолуш санна хийтира, и йо1 х1инццехьа мила ю шена ца хиъчи.
      Амма сихха т1аьхьакхиъначу кура кечъйинчу фаэтоно ши йоъ чу хаайра. Иналук воьхначура мета вале фаэтоно ши йо1, ядайна, къайла яьккхира.  Ша дуьхьл веана почтан вагон и йицъелла, Инал юханехьа ц1а вахара.
     И шена гина тамашена йоъ, дерриге а х1оьттина сурт а  Нодаре д1адийца сихвелира иза.
     - Хьайна гинарг башха йо1 йоций хуур ду хьуна, сан доттаг1а, элан йо1ах Маргох хьайн б1аьрг кхетча, - воьлуш, г1адъуьхура Нодар.

**

     - Вайшиъ тховса эла Сумбатовс д1акхайкхина. И вочахь Турцин посол а хир ву, - кхаъ боккхуш, элира Нодара, бешахь газеташ кегош воллучу Иналукна улло а веана.
     - Хьо х1айтъаьлла хьийзар дукха дерриге а. Тхан къомо дицдийр дац хьуна ахь хьоьгу къа, - забарна санна элира хьешо.
     - Хьо ц1ечарна дуьхьал вуй хаахь ч1ог1а реза хир ву хьуна Туркойн Посол Джафар – Ахмет. И хьоьга д1а ала аьлла соьга Эла Гурам Сумбатовс. Бакъе а, цуьнан йо1 Марго а ц1а еанчах тер аду. Кечлур ву хьо, хьайн инарлин духар а дуьйхина.
     - Оьший те? – хаьттира Иналука, къежна, ерриге а шеен нийса к1айн цергаш гуча а цохуш.
     - Оьшу. Мундир ца хилча нийса хир дац. Хьо посолана дуьхьала воьдуш ма ву.
     - Дика ду, Нодар. Кечлур ву со.

    Долий а ца хууш, ши сахьт делира эла Сумбатовн х1усаме гулбелларш къамелаш деш 1аш. Туркойн мехкан посола Джафар – Ахмета лечкъа ца дора шен пачхьалкхенна йоллучу а Кавказехь туркошца гергарло лелош, Россех йозуш а йоцуш, пачхьалкхеш кхолаяла луур хилар.
     - Тхан Россица бина барт бу, революционераша и барт гал ца баккхахь, - дуьйцура посола. – Тхаьшца гергарло дезачу политикашна накъосталла дан таро хир ю Туркойн паччахьан. Ишттачу  политикин тхешан паччахьна т1екхача аьтто бан йиш а хир ю посольстван. Къаьсттана хьан, инарлин… - къежара посол Иналукна. - Туркойн гуттара а лаьттина нохчашка, цара шайн къомана парг1ато къийсарга безам.
     - Иштта хила а деза иза – м, цхьа бусалбанаш ма ду вай, - жоп делира Иналука. Ша-м ойла йора: «Тхо бусалбанаш делахь а, цига шовзткъа шо хьалха д1абаьхкинчийн сий – ларам-ма к1езиг бина аш. Эханнал сов балийтина мацалла». Амма ишттаниг шена дагахь дуй а хаайта йиш яцара. Борз санна даръелла чуг1ертачу Россина дага х1у дог1у а ца хеара. Цкъа кху сохьта массарна а къежа везаш сурт дара х1оьттинарг.
     - Посол а кхиболу хьеший а беза ларарна шайна чай ялхошка ца даайтуш, шен йоь1аршка даайтира элано.
     - Шаннаш т1ехь деших, детих кхеланчу пхьег1аш чохь чаг1ар а, кемсийн гарсаш а дахьаш чу елира ши йо1. Иналукна чу йоллушехьа евзира и шиъ. Ши йо1 – кхунна поезд соцуча вокзала уллохь к1ира хьалха гина шиъ яра, фаэтона т1ехь д1айигна шиъ…
     - Аьрро аг1орхьа ерг – Марго ю хьуна, - лере таь1ира Иналукна Нодар.
     - И юкха суна хьастаха гинарг, сан са а, корта а д1абаьхьнарг! - къера хилира 1адайчи санна лаьтта Иналук.
     - Ас элирай хьоьга шуьшиъ вовшашна дезалур ду. Гой хьуна цо эхь ца хеташ хьоьга схьакъерзаде и даккхай б1аьргаш?
     - Иза-м яц гуьржех тера а. Иза-м нохчех тера ю!
     - Елахь дера ю вай иза хьан дола йоккхур. Цкъа тховса са тохалахь, цуьнан коча ца воьдуш.  Эла оьг1аза ма вахайталахь хьайна.
     - Шуьшиъ х1у къайлаха барт беш ву? Дехьа чохь юург а ю вайна охьайиллана, - схьакхайкхира эла.
        И суьйре ч1ог1а самукъане д1айоьдура. Маргона дика фортопиано лакха хууш  хиллера. Цуьнан марехь йолчу йишо Фаризас говза 1адхьокху пондар  локхура.
     - Баркалла. Ма хаза, говза лекхи ахь иза. Цхьаннахьа а деша – м ца дешна ахь? – хаьттира Иналука Маргога, шаьшшиъ Нодара вовшашна довзайтича.
     - Урокаш елла сунна цхьана француза, со жима йолуш,- эхь хетта, къежира йо1. Цуьнан аз а хиллера цхьа дог хьостуш, эсала, беран санна.
     - «Хьо хьастаха гичахьанна цхьаний заманна дагара яьлла яцкха сунна. Шеко йоццуш, Дала йовзийти - кха суна хьо» - ала, бохуш, хоьхура Иналукан даго. Амма иза вист а ца хуьлуш, 1адайчи санна хьоьжура юха а йоь1ан б1аьргаш чу.
     - « Х1ара стаг мичара ваьллатехьа? - аьлла, цецъяьккхинера ахь со хьастаха. Х1ица тхан тхов к1ел хьо кхачар лаа дуй техьа? Х1у дан г1ертатехь Дела?» – ойла хьийзара къоначу йоь1ан коьрте.
       Цаьршинна цхьанне а ца хеара мел яккхай халонаш 1овша деза, шаьшшинан ирсе кхача. Амма и ший а реза дара муьлхха а халонаш лан, шаьшшиъ вовшах ца къастийчахьанна.
     - Хьан юхь – сбат, хьан хат1, хьан амалш, дерриге а нохчех тера хетта сунна, - элира Иналука.
     - Хьо нохчо ву? – х1умма а цец а ца йолуш, хаьттира йо1а, - суна хаа-м хиира хьо оьрсе воций, хьастаха вокзала уллохь хьоьх б1аьрг ма кхитти.
     - Дага веа хьуна со? – г1адвахана, хаьттира Иналука.
     - Хьуна со а еа?
     - Дера еа! Суна-м хьо х1етахь дуьйнна дагара а ца яьлла!
     - Сан пхенаш чохь – м нохчийн ц1ий долчах тер аду, - дагахь а доцург элира йо1а – Тхан фамилии а Сумболат бохучу т1емалойн баьччанах схьайог1уш ю боху.
     - Муха? – цакхеташ, цецвелира Иналук.
     - Ломара гуьржий  - уьш берриге а гуьржийн мотт схьаэцна нохчий бу боху 1илманчаша. Цуьнах лаьцна цхьа книга а язъина дукха хан йоццуш цхьана Туманов олучу 1илманчас.
     - Ма дика ду, Марго, ахь суна и книга дагаяайтина! Стохка цхьана эрмалочо а ма йийцира соьга иза! – Кхоччуш г1адваханера Иналук. – Карор ярий хьуна и книга?
     - Вайшиъ духа лаьтташ товш дац. Да ву вайшиъ долча аг1ор сахьоьжуш. Юха вовшахкхеттачахь  дийца вайшимма?
     - Юха? Маца? Мичахь?
     - Хьан доттаг1чо Нодара г1о дийр ду вайшинна, - меллаша элира йо1а, корта охьа а бахайтина.
     - Дика ду, Марго. Ца йог1уш ма 1елахь!


    Юьртахь юха а керла хьажой бевллера. Яла хьакъдолчарна д1ало, аьлла, Саудовски Аравера яхкайтина махбоцу бакъонаш президентай, муфтиятай шайн озабезам болу – болчарна д1асаекънера. Хьажой хиллера митингашкахь мохьбетташ леллачу мокъачу нехах, куьйгалхойн гергарчарех, тунзахойх…
     Цкъан а Дела вовза лиъна а, ураттал ламазана х1иттина а боцу нах, шаьш кхиъал хилчахьанна къуй лелла нах, талораш динарш, цкъа бахана ца 1аш, шозза – кхозза Хьажиц1а а уьхуш, базбелла лелара, шаьш юхабирзанчул т1аьхьа а шайна 1еманарг шаьш ца дуьттушехьа.
      И дерриге а шайна гушшехьа, хуъушехьа садетташ 1ара нах, цхьана дикачу балхе сатуьйсуш. Бала бацара ламарошна, дикаболх а, воболх а шашах хуьлуш боций. Дикаболх а, вон болх а цхьана наха кеч а бой, охьабуьллуш хуьлий.
    - Цхьа – ши дош эр дара ас вай д1адохале, - д1акхайкхира Ибрах1им маьждигчуьра рузбанера шаьш арадевлча. Нах, севцна, ладуг1уш лаьттара.
    - Цхьацца хабарш хазадо цхьаболчу наха, со велча д1аволла а мегар вац, бохуш, бехва г1ерташ. Кху маьждигехь а дийцина боху хьастаха цхьацца хабарш…
    Нах ладуьг1уш лаьттара. Цхьа а вист ца хуьлура. Ибрах1имна шера хеара цу нехан дагахь дерг: « Д1аяьлла кхуьнан зама. И ца хууш, дуьхьалг1ерта керлачу 1едална, кхиболу председателаш санна д1а а ваьлла, шайна луъург де, аьлла, колхоз д1а ца хоьцуш. Кхуьнгехьа ваьлларг а керлачу 1едалан мостаг1а хир ву…»
     - Нах йоцчу наха юьйцучу хабаршка ла ма дийг1а. Со сайн ма хуьллу колхоз 1алашъйина а, консервни цех йиллана а шун дуьхьа ма г1ерта! – мохь тоьхнна, элира председатела. И дещнаш цхьаболчарна ца тайра:
     - «Нах йоцчу наха» - бохург х1уду хьан? Хьуна резабоцуш – м хьажой а бай! – мохь туьйхира цхьаммо. Ибрах1имна ца гира и аьлларг мила ву. Моха хьаьдира цунна:
    - Бевза суна и «хьажой»! Стохка колхозан хьажк1ийн г1одамаш мел лечкъийнарш а, буьйсанна къаьркъа мел дихкинарш а, тюрмера бевдда леларш а, ураттал шайн несаршца а, шичошца а эвхьаза мел бевлларш а бу хьажой а хилла д1ах1иттинарш! Цара бехдинакха и Хьаьжац1а а!
    Г1овг1анаш евлира. Ша аьлларг дукха к1оршаме дуй а кхетта, д1анисда х1оьттира Ибрах1им:
    - Церан бехк ца хила а мега. Шаьш бахайтича бахана уьш. Вуьшта, вайн хьаькамашна хаа ма дезара, шаьш махбоцуш, совг1атана яхкийтиначу путевкашца ваха хьакъдоцург вхайтича, цу ваханза виссанчу къа дуй ша т1елоцург.
     - Коммунистийн 1едал д1адаьлла вайна, Ибрах1им, хьо партсобранехь ма вац. Хьайн балабоцург дукха дуьйцу ахь! – мохь туьйхира цхьана къонахчо. Иза вевзира Ибрах1имна. Иза кхо стохка балхара д1аваьккхина колхозан коьрта бухгалтер вара. Ша тюрме чу ца воллайтарна кхунна баркаллаш а бохуш, 1ен декхарехь вара иза. Амма хеара 1едалца, мел иза харц делахь а, бертахь ца хилча, г1уллакх тиша хуьлий. Цундела эвхьазабевллера председателца кхунна х1инццалц мотхьоькхуш лелла нах.
    - Ибрах1им, хьо х1унда ца воьду цу Хьажиц1а? – хаттар дира юьтахочо. И хаттар Ибрах1имна х1уьттаренна делла дацара. Тобанехь яьржаш лаьтта гамо, оьг1азалла жимма д1аяшо дела дара. Амма Ибрах1има шен жоьпаца дерриге а хьалхачул а ч1ог1а галдаьккхира:
    - Со г1ур вара сайл хьалха баханчара иза кхоччуш бех ца динехьара! – сихвелла жоп делира цо. Цулт1ехьа нах Ибрах1име ладуьг1уш ца 1ийра. Уьш, шиша – кхоккха воьдуш, д1асавахара. Шен г1уллакх тода веанчу Ибрах1има иза кхи а сов талхийра.
    - «Вайн председатела Хьажиц1а бехдина, боху. Ша цига г1ур а вац, боху» - сихха д1асадаьржира гонахьарчу   ярташкахула.
      

       Суьйранца дара Иналукке Маргойе вовшахкхеташ.
     - Хи уллохула д1асайолалуш ч1ог1а хазахета суна. Цига г1о вайшиъ?
     - Ахь аьлличе, Марго, суна бен а дац.
     - Дийцахьа, Инал, хьайх лаьцна. Хьо – м зуда а ялийна, бераш а долуш хир ву…
     - Яц. Зуда а яц, бераш а дац. Ца ларийна, - велакъежира Инал. Хьо санна хаза йо1 муха юьту ядайна д1а ца юьгуш?
     - Ма – дара аьлча, вара цхьа къона эла, - кхуьлира йоь1ан 1аьржа шиб1аьрг, - сан дейишо кочавоьллина а вара иза суна. Цхьа туьллиг хиллера. Санкт – Петербургера схьа ца волура, сакъера ч1ог1а лууш вара. Со ца яхара цуьнга. Иштта хедира – кх тхан гергарло.
     - Туьллиге бакъ ца яхана. Хьо-м, Марго, хазалла яла йоллу.  Со-м хьоьга леррана хьажа а ца ваьхьа, б1аьрг хиларна кхоьруш.
        И шиъ ший а деладелира.
     - Баркалла, Инал, хаза хета, иза иштта дацахь а. Бакъе а, хьажал, х1ара юкха ас хьоьга хьастаха ю аьлла книга. Профессор Туманов вукха кхуьнан автор. Кху г1алахь ву иза х1инца. Ас вовзайтур ву хьуна лаахь.
     - Туманов? Оьрсе ву х1ара? – хаьттира Инала, книга схьа а оьцуш.
     - Ву. Дуккха а шерашкахь Санкт – Петербургехь 1ийна ву кхуьнан да, Иранехь Россин посол а лелла иза.  Ч1ог1а дешна, культурни доьзал бу  иза, бусалбанаш дукха а безаш.
     - Дика ду, Марго, цкъа хьалха книга йоьшур ю аса. Дийцахьа, Марго, х1инца – м ца ваьлла хьуна цхьа а туьллиг?
     - Ой! Туьллиг воцург вала мегаш вацте суна цкъа мукъа? – самукъадаьлла, елаелира Марго. Т1аккха сихха кхуьлира. – Рицкъанаш Делехь ду.
     Вовшашка дист ца хуьлуш, к1еззиг хан елира. Самукъане дара цаьршинан хи уллохула доладалар. Дегнаш доьлуш дара. Цара диканиг, ирсениг хьоьхура.
     - Тумановца къамел хиллера сан тохара, и книга араяьлча, - къамел долайра Маргос. – Цо схьадийцарехь – м, тхан берриге а доьзал а нохчеха схьабевлла бу. Ас ала ма элира хьоьга.
     - Муха? Дийцахьа ма дара, дийхира Инала.
     - Ши – кхо эзар шо хьалха кху лаьмнашкахь хилла двалаш, сванаш, пшаваш, хевсураш, уьш берриге а нохчийн мотт буьйцуш хилла боху цо. Хевсураш бохург – хен сур бохучу дешах схьадаьлла ду. Ха деш сур хилла цу меттехь лаьтташ Цу т1емалоша болийначу доьзалех схьадаьлла ду и тукхам. Ткъа тхан дай а ма бу хевсурех схьабевлла.
     - Тохара хилларш – м генадевллера. Х1инца юха а нохчийн къам дакъазадаккха г1ерташ, арабевлла цхьа нах, - г1айг1ане элира Инала.
     - Большевикаш буьйцу ахь? -  хаьттира Маргос.
    - Къовсабелларш ц1енашше, к1айнашше бу. Х1аллакда кечдинарш кавказан къаьмнаш ду, декъа а доькъуш. Кавказан цхьа да ца валахь, атта а, 1овдал а хетта царна вайн къаьмнаш. Хетарехь, жуьгтий бу и берриге а к1ур хъьийзош берш. Царна цхьанех а къа ма ца хетта. Гарехь, эзарнаш шерашкахь шаьш хьийзор д1адекха г1ерта уьш массо а къаьмнашна.
     - Паччахьо йохийна Шемалан имамат меттах1отталур ярий Нохчийчохь а, Дег1астанехь а? – хаьттира Маргос.
     - Хаац. – доцца жоп делира Инала. Жима ойла а йина, т1етуьйхира: - большевикаша ч1ог1а корта хьовзийна нехан, шаьш массарна а латтанаш лур ду, хьоладай эшна хир бу, къенаш бехаш хир бу, бохуш. Цхьаболу динан дай а шайгахьа баьхна цара. Х1инца герз ду боху массо а мискачунна а, дерачунна а д1адоькъуш. Нохчий вовшен коча бахайта г1ерта.
     - Х1у дича бакъахьахетара хьуна, Инал? – саца а сецна, леррана к1ентан б1аьра а хьаьжна, хаьттира Маргос. Цу б1аьргашчохь йоккха г1айг1а а, йовхо а гира Инална. Цунна хийтира иза доггаха шена г1одан г1ерта, аьлла. Цу г1айг1ано, йовхоно хаа а луш, дог дохдира, са хьаьстира Иналан.
     - Суна – м хаац. Къам бодашкахь ду. Дуьйцучах кхетаберш к1езиг хир бу. Нехан кхетам алсам белахьара-м царна юьккъехь политически болх бан мегар дара. Светски паччахьалкхе оьшура нохчашна, к1айчаьргий, ц1ечаьргий, молланашкий, хьоладайшкй шаьш 1еха а ца дойтуш. Нохчийн Республика, цхьаннех а йозуш а йоцуш! Т1аккха цуьнах г1алг1ай а схьакхетар бара. Уьйраш – Грузица, Туркойн махкаца. Уьш дозанехь ю, нохчийн амалца а, динца а йог1уш а ю. Ткъа Россица – барт, доттаг1алла. Амма Россех д1акхета мегар дац. Россина цкъа а луур дац шена чохь парг1ате а йолуш, бусулба а йолуш пачхьалкхе хила. Ишттаниг империна кхераме лорур ду цара.
     - Суна нийса хета ахь бохург, - реза хилира Марго. - Ас, хьуна лаахь, сайн дега эр ду, хьуна кхи а алсам накъосталла де. Цо – оьшучу нахе. Баккхайчу политикашца юха – юха а къамелаш дар пайдехь хир ду хьуна, Инал.
      - Баркалла, Марго. Хьо доггаха суна а, сан къомана а г1одан г1ертий хеа суна.
     - Цкъа хьалха Туманов вовзийтий ас хьуна, цу книгайн автор?
     - Вовзайта.
     - Дика ду. Кху деношкахь вовшахтухур ву аса шуьшиъ


     Тарзан олуш ж1ален ц1е а йолуш, цхьа баьхьарча ваьллера районехь. Дудаевн берзалоша  туьрмера арахецначереха вара иза. Туьрме чохь дуьйнна йитана йоккха, некхат1е кхочуш 1аьржа аж яра цуьнан, ша дег1ана зоьртал, онда вара, буг1а санна.
     Цунна уллобевлеера цхьацца ярташкара кегийнах. Жихалара а вара цуьнца масех т1емало.
     Шеца болчарна массарна а автоматаш а, тапчанаш а, куьзганаш к1арура 1арждина, цхьатерра 1аьржа «девяткаш» машенаш а нисъйинера Тарзана. Ша «Ниссан» вездеходана т1ехь лелара, т1ехьашхула ара пулемет а яьккхина. И маршо Дудаевс елла цунна, бохуш, дуьйцура.
     Юьхьанца Гуьмсехь поездаш а сецош, царна т1ера товар лечкъо 1еманера Тарзанан г1еранна. Х1инца цара Грознера складашкара товар ара ам дохуш, дуьхкура. Х1усамда жима г1ийла вуй хеъча, чу а боьлхай, квартираш чуьра а, ц1енош чуьра а х1уманаш, шайн б1аьрг т1ех1оьттинарш, д1ахьора.
     Дас – нанас иштта лелачу шайн берашна дов ца дора. Цара кхоьхьучу лечкъийначу х1уманех шайна бахам беш лаьттара цара.
     Цул т1ехьа жима хан яьлча, поездаш д1асалелар нилхделча, Грознера складаш яссаелча, х1ума ю аьлла шайна хетачу нехан коча иха бийлабелира талорхой.

 

     «О доисторическом языке Закавказья» ( «1иса пайхамар дуьненчу валале йолчу генарчу хенахь Къилберчу Кавказехь бийцина мотт» ) -  иштта ц1е йолуш яра Тумановс оьрсий маттахь язъйина книга. Константин Михайлович ша – шовзткъе ит шаре хьалаг1оьртина, оьрсийн яздархочух Тургеневх тера а волуш, эсала, т1екаре стаг хиллера. Цо Инал, куьг лаьцна, маршала а хаьттина, шен кабинета чу вигира. Сарахь дара иза, болх чекхбаьллачу хенахь.
     - Маргос хьо дикачу аг1ор вийцина сунна, - аьлла, долийра профессора.  Охьа хаал, ас чай доийтур ду вайшинна.
     - Баркалла, Константин Михайлович, къа ма хьегахьа со бахьанехь.
     - Э-э-э-э, доттаг1а, хьайна цхьацца х1уманаш хаахьара ма эр дацара ахь иштта.
     - Муха? Х1у эли са? – воьхна виссири Инал, шегара цхьа вониг дели моьттуш.
     - Суна нохчашца гергарло  мел деза хьайна хаахьара, хуур дара хьуна хьо сан мел веза хьаша ву. – К1ант жопделла валале, хаьттира: - Сан книга йийширай ахь?
     - Йийшира, - эхь хетташ жоп делира Инала.
     - Еша – м йийшира, кхета – м ца кхийтира, ала г1ертий хьо? – самукъане велавелира Константин Михайлович, Иналана улло охьа а хууш. – Дера ду, к1ант, шун къомана довза дезаш дукха х1уманаш. Ма ирс долуш зама йог1ур ю шуна и дерриге а шайна хеъча, т1аьхьакхиъча. Амма со кхоьрург – кеста хуьлий хаац иза. Мостаг1ий дукха хир бу шун. Бакъдерг ч1ог1а лечкъор ду цара шух. Хала мур хир бу иза. Ткъа тахана… тахана х1у хьал ду Нохчийчохь кхоладелларг? – хаа лира профессорна.
     - Россехь массанхьа а дерриг дукха, - доккхаса даьккхира  Арсанукаевс. – К1айнашше, ц1енашше букха бекъа а бела, вовшех летийтуш, нах байиш. Царна юьккъе хьийзаш динан дай ду шаьш бохурш а бу, хьаьнгара х1у южур яратехь, бохуш х1айтъаьлла хьийзаш.
     - Х1айтъаьлла хьийзахь а шайн авантюра чекх ца яьлча г1азакхашна бохка – м сиха ло уьш, угаре а веза эвлаяъ ву бохуш лелла имам Шемал а цхьана. Шун къомана светски интеллигенции оьшура, истории а, политика а, дипломатии а евзаш. Ишттарнаш, гарехь, к1езиг хир бу шун?
     - К1езиг бу, - г1айг1ане элира Инала. – Мел дукха хилча а тхан къомо уьш дешна нах а ца лору. 1аьбийн элпаш 1амайнарш Далла уллора охьабийссичи санна хета царна. И хууш цхьа проходимцаш бовлу, баьццара байракх а ойбай. И юкха тхан дакъазалла, ма-дарра аьлча.
     Чай даайтира профессора.
     - Хьаша везаш, т1евеанарг лоруш къам ду х1ара гуьржий. Нохчий а буй хеа сунна иштта, - элира профессора, чай чу шекар тесна, иза кега а деш. – Барт оьшура Кавказан къаьмнашна. Доллучу дуьненна а тоьар дара кху Кавказехь долу г1иллакх – оьздангалла, вайна вешан сий дан хаахьара. Ас «вай вешан» аьлча цецваьлла хир ву хьо. Сан орамаш а ма ду Кавказехь.   
     Г1ехь хан елира и шиъ вовшашка вист ца хуьлуш. Т1аккха профессора ц1еххьашха элира:
     - Инал, шайн, нохчийн а, г1алг1айн а шира истории ерриге а Эрмалойн махкахь а, Гуьржийчохь а, Туркойн махкахь а, Египте д1акхаччалц Хьалхарчу Азехь юй хеай хьуна? – леррана, доккхачу маь1нийца хаьттира Тумановс.
     - Ас еша-м йийшира хьан книга юх – юха а йоьшуш. Доллачух а ца кхийтира со, Константин Михайлович.
     - Иштта сиха кхоьтийла а дац, - карара чайна стака охьадиллира профессора. – Делахь, дика ладог1ал соьга. Нохчаша заманан къоргера схьадахьаш цхьа легенда хезний хьуна: «Цхьа зама йог1ур ю, нохчийн стаг т1ехволуш нах цецбуьйлуш,  юхахьуьйсур бу. Иштта беза хир бу нохчий, бохуш»?
     - Хезна. Сан дас а олура иштта – м.
     - И дерриге а дийцар муха ду хеий Нохчийчохь цхьанна а?
     - Суна хаза – м ца хезна.
     - Суна – м хезна. Эрмалойн махкахь. Ас эрна ма ца элира хьоьга нохчийн шира истории Эрмалойн махкахь лаха еза. Т1ера кховра д1адаьккхича гучуйолу дечиг санна, жимма бухе кхевдича, кху Закавказьехь йолу истории ерриге а нохчийн ширачу дайн ма ю. Шира дийцар дийца ас хьуна?
     - Дийцахьа, Константин Михайлович! – ладог1а кечвелира Инал.
     - Ладог1ал делахь.

      Шира дийцар ( легенда )

     Ткъа эзар шо хьалха дуьне дерриге а акхаройх дуьзна хилла. Цхьа адамех тера акхарой а хила, вовшен декъий а дууш. (Гарехь, уьш неандертальцаш хилла). Т1аккха Дала дуьненчу адам доссийна. (Шун нохчийн маттахь иштта олу адамах – адам.)
     И адамаш – ана нахаш (анунаки) ц1е йолуш хилла. Кхечу дуьнент1ера биссайна уьш Дала. (Х1инццалц а и дуьне иккханчахь астероидин лар йиссина).
     Шаьш дуьненчу ма биссинехь, цу акхаройх (неандертальцех) адамаш дан г1оьртина анара (стиглара) баьхкинарш. (1илмано кроманьонцаш олу церах).  Церан цу т1ехь кхиамаш а хилла, х1унда аьлча, доккха 1илма хилла анара бийссанчаьргахь.
    Цара йоза деана, инженерин говзаллаш еана, массо а тайпа стоьмийн, хасстоьмийн, ялтанийн х1уш деана. Хиш д1асадерзош апареш дан 1амайна нах, эчиг, ц1аста, деши даккха 1амайна.
     Ялсамане еш хилла цара дуьненчохь. Ерриге а говзаллаш д1аэцна кроманьонцийн, неандертальцийн вовшахъийначу  т1аьхьено анара бааьхкинчаьргара.
     Амма  угаре а халаниг – царна чу эхь – ийман (совесть) доссор хилла. Говзаллаш а, кхетам а, хьекъал а хилла цаьргахь, амма эхь – ийман ца хилла. Цаьрца гергарло тесна Дала ялсаманера аракхоьссинчу Йилбаза. Цу Йилбазо а буьтуш ца хилла нах иймане берза.
     Цхьана хенахь нехан ц1арматбовларан доза кхачийна. Шайгахь эхь – ийман цахиларе терра, тайп – тайпана корта галбоккхуш йолу молханаш, маларш, томканаш лелош хилла цара, цхьа а эхьбехк ца лоруш, вежарий йижаршца, борша нах боршачу нехаца эвхьазабуьйлуш хилла. Юха а акхарой санна д1ах1иттина уьш. Акхачу нехан (неандертальцин) ц1ий анара биссайначерал (кроманьонцел) совдала доьлла.
     Дуьненчуьра хьал д1анисда леъна Аллах1-Далла.
     Цу нахана юьккъехь Дала угаре а алсам ийманехь виссинарг лехна. Иза хилла анарчу нахашна юккъехь угаре а оьзда лелла Нохь ц1е йолу стаг. Цунна ша пайхамар вуй хууш а ца хилла.
     Дала малайк а даайтина, аьлла Нохь пайхамаре:  «Доккха кема де, цу т1е массо а садолчу х1уманах шиша хьалаяккха, д1ац1анделлачу дуьненахь керла дахар доло. Х1ара 1еса дуьне дерриге а хи буха г1ур долуш ду»
     К1елхьарабевллачу наха а, акхароша а, хьазарчаша а, массо а садолчу х1умано  керла дахар долайна.
     Юха а нах тайпанашка, къаьмнашка бекъабелла. Амма цхьа къам хилла шайн дена Нохьана къаьсттана муьт1ахь. Нохчий, бохуш ц1е лелош хилла цара.
     Цу наха  цкъан а дицдеш ца хилла Нохь пайхамара шайна дитина Весет – эхь – ийманаха ца довлар, х1унда аьлча эхь – ийман – иза Делан мотт бу х1оранца а.
     Эхь – ийман ч1ог1а лардеш болу нохчий юха а керла г1аланаш ян бийлабелла. Цу г1аланашкахь цара Далла инзаре даккхай зераташ деш хилла. Амма делаца юха а къовсабала дагадеана лулачу Мисарехь (Египтехь).               
      Цигахь болчу пир1унашна шайх тарбелла деланаш. Нохчаша Далла деш хилла зераташ шайн кешнашна т1ехь дайта дагадеана царна. Вовшашца къийса а луш, инзаре яккхай зераташ – пирамидаш йойтуш нах хьийзо буьйлла уьш, цу пирамидех шайн кешнаш а деш. Т1аккха и Египет т1елетта, нохчаша (гиксосаша) схьаяьккхина. Амма цхьаболу нохчий – гиксосаш цигахь хиллачу дешин хьоло хьерабаьхна. Уьш юха а ц1арматлела бийлабелла. Дела цхьаъ вац, бохуш, х1ора а тайпа шена – шена деланаш къесто дийлабелла. Дечигах а, т1улгах а беш хилла цара шайна «деланаш».
     Т1аккха Дала талхаза биссанчу нохчашна юьккъе Ибреим пайхамар воссийна. Дела цхьаъ хилар юха а карладаьккхина цо нахана. Дела муьлххачу а ахчанал веза хилар а карладаьккина. Амма дешис, хьоло 1ехийна, галбаьхнарш меттабог1уш ца хилла.
     Юха а акхадала, талха г1ерташ хьийзачу адамашна Дала Муса, 1иса, Мохьмад, Делан салам хилла царна,  пайхамарш бахкийтина. Уьш берриге а цхьана ц1ийнаха а хилла, и ц1а Хьалхарчу Азехь а хилла.
     Нохчий кхачалуш, церан эхь – ийман дайалуш ца хилла Йилбазе. И эхь – ийман нохчаша Нохчалла, аьлла ц1е а тиллина, шайн синойл а ч1ог1а лардеш хилла, дайша к1енташка, цара шайн к1енташка луш.
     Т1аккха Йилбазана цхьа х1илла дагадеана.
     Цхьа нах кечбина Йилбаза, шу ю бакъйолу пайхамарин т1аьхье, шу ду Далла угаре а дукхадезарш, цо къастийнарш, бохуш, уьш тиларшка буьгуш. Угаре а сакхате дерг – кхидолу къаьмнаш шу санна хьекъале а, тоьлла а дац,  кхиберш берриге а шун лайш хила безаш бу, бохуш, тешийна Йилбазо  уьш. Дуьненчу юха а тало даьржина.
     Кестта юха а къастамаш бу дуьненчохь хила безаш. Дажал вуссур ву дуьненчу. Иза нохчашна юьккъе вогур ву. Нохчий ц1енанаш а, Йилбазо галбаьхнарш а къастор бу цо. Уьш къастош, хаттар дийр ду цо, цхьана боккхачу, дешех боьттинчу ломана буьххье а ваьлла: «Дезачунна х1ара барам боцу деши ду, цадезачунна Дела ву», - аьлла. Деши къастайнарш бакъ нохчий боций хуур ду. Дела къастайнарш бакъ нохчий хир бу. Уьш дукха хир бац, амма уьш берраш а эвлаяаш хир бу.
     Бакъболу нохчий сийлахь хир бу Къематан Де т1екхаччалц. Шайна дуьхьал нохчо кхетча, сеца а соьцуш, т1аьхьахьуьсур бу нах, кхаъ хилла. Иштта йог1ур ю цхьа зама…


     - Иштта дукха, Инал, сунна хезна дийцар, - велакъежира профессор.- Ца теша хьо иза бакъхила мега бохучах?
      Инал, эхь хеташ, вист ца хуьлуш 1ара.
    - Дика ду делахь. Ладог1ал, ас 1илманан маттахь дуьцур ду хьоьга доцца. Цхьа мотт билгалбаьлла кху дуьненчохь 1илманчашна. Амма иза цара х1инца а лачкъийна латтош ду. Угаре а адамийш шире дешнаш муьлханаш ду хеай хьуна? – хаьттира пофессора.
     - Муьлханаш ду?
     - Ана, аре, эла, хи, ц1е, арц, лам, берд, мох, малх, т1о, каш, ке (куьг), ана, бер, да, нана, - цу тайпа кхи а угаре а хьалха адамаша яьхна ц1ераш алссам нохчийн маттахь бен ца йиссина.  Мотт инзаре къоргера схьабог1уш хиларан билгало ю иза. Керла кхоллалучу къаьмнаша къоначу культурера дешнаш схьаоьцу.
      Шира  дешнаш талла волавелча дукха х1ума гучудолу. Цу дешнаша вуьгу къоман истории к1оргене. Масала, «ана» - стигал. «Аре» - шера латта.  Анаца доьзна дукха х1уманаш ду мифологеш т1ехь. Масала, хурритийн стиглан дела Ану. Ткъа «аре» бохучунца доьзна ду «арийцаш», аренан бахархой, бохург. Эла – Элохим – Аллах – оцу дешан орам а нохчийн матера схьабог1уш бу. Хи, лам, арц, берд бохучу дешнех юьзна ю ерриге а Закавказьян а, Хьалхарчу Азин а топонимика.
      Доцца аьлча, заманан к1оргенаш мел кегий а, алсам ю цигахь нохчийн лераш. Цундела нохчий корта айбина лела дезаш къам ду кху дуьненчохь. Угаре а хьалха адамашна кху лаьтта т1ехь культура а, цивилизщаци а еанарш а, елларш а нохчийн шира дай бу.
    - И х1уманаш суна ца хеара, бехкала вахана, корта хьовзайра Иналука.
     - Уьш хьуна хаайла а ма дац. Уьш х1инццалц а, кху заманчохь а къайлаха латтош х1уманаш ду, нохчашна шаьш муьлуш ду ца хаайта. Цундела, Иналук, аш шайн пачхьалкхе кхолла еза, цхьанненан а когаш к1ел а йоцуш. Шу когаш к1ел хилча, шу хьаьшначашна луур дац шун истории шайнчал сийлахь ю ала а, шух къам хила а. Амма шу говза лела деза. Говза ца лелахь дойуш кхачор ду шу. Ницкъаца дуьхьало лело ца еза, хьекъалца бен. Къоманахьекъал луш дерг а 1илма ду. 1илманца совдовла деза шу, х1уъа дина а. Шун ц1ийца дукха къайленаш ю заманийн к1оргера схьаяхьаш. Уьш шайна а, нахана а пайда а боцуш, яйта йиш яц шун.
     Жима луьйчура а сецна, т1етуьйхира профессора:
    - Х1инци а бу Кавказан къаьмнашка беанарг жоьпаллин мур. Говза лелча парг1ато яккхалур яра шуьга. Шу Къилбаседа Кавказехь угаре а доккха къам ма ду. Шайн пачхьалкхе хила хьакъдара шун. Цуьнах лаьцна х1у хета хьуна?
     - Бекъабелла нохчий, - г1айг1ане жоп делира Иналука. – цхьаберш к1айчара эцна, вуьйш ц1ечара 1ехийна. Кхиберш тхо Англина дохка г1ерташ лела. Цхьа Узун – Хьаьжа бохуш имам ву дин а, парг1ато а юьйцуш. Амма иза политик вац, ханна а жима а вац, дезткъей ит шаренга хьалаг1оьртина.
     - Ахь накъосталла х1унда ца до цунна? – хаьттира Константин Михайловича.
     - Сан къамел хилла дац цуьнца. Вуьшта, со х1инццалц политикана юьккъе г1иртина а ма вац. Х1инца цхьаъ ца дахь-м ца долу, - г1айг1ане элира Инала.
     - Политико ша озаво стаг юьккъе. Юьстаха латтар нийса дац. Кхечу пачхьалкхашкара союзникаш муьлуш бу техь ахь вуьйцучу Узун – Хьажин?
     - Хетарехь, цхьа а вац.
     - Вацахь, цхьа х1ума х1унда ца до ахь? – хаьттира профессора.
     - Х1ун х1ума?
     - Гарехь, шуна г1оден ерг Грузи а ю, Турции а ю. Кханнехьа кхузарчу правительстве а г1ой, переговораш е. Эшахь аса а нах бовзийтур бу хьуна. Т1аккха Стамбуле г1о. Цара хазахетарца т1еоьцур ву хьо. Ахь Тифлисера правительствера кехат хьахь-м мухе а.
     - Дера, цхьаъ ца дахь-м ца долу, - юха а элира инарлас. - Соьх а, сан инарлин даржах а х1у пайда бу, сан сайн къомана дан г1о – накъосталла ца хилча?
   

     - Инал, хьо эла вуй? – эхь хетташ, хаьттинера хьастаха Маргос.
     - Дера ву. Нохчий берраш а ма бу элий! – жоп деллера Иналука. Маргос кхи хеттарш ца дира.
    Кху аьхкенан сарахь и шиъ Тифлисан Шота Руставелин ц1арах г1ала юьккъерачу бибилиотека чохь вовшахкхеттера. Дийнахь алссам дог1а тоьхна, ц1анделлера 1алам, башха тамехь кийра 1абош дара х1аваъ.
     - Марго, сингаттам лаьтта сан дагчохь. Дика керланаш ца хеза Нохчийчуьра. Нохчий бекъа а бекъна,вовшашна коча тийса г1ерта политикаш ду шаьш боху авантюристаш. Ц1а ца вахча вер вац со, цкъа Стамбуле а вахана, Туркойн куьйгалхошкара х1у г1о – накъосталла хир ду а хьаьжна.
      - Политика алсам езаелла хьуна… - 1оттар еш санна элира йо1а.
     - Сан даге ладоьг1ча, хьоьл дукха кху дуьненчохь х1умма а ца деза сунна, Марго, со ахь хьераваьккхина. И ду со кхоьруш верг. Даймохк 1ана баханчу муьрехь Арсанакъан Улхьажин к1ант, инарла Иналук зударшна т1аьхьа а ваьлла, лелла, боху эхь ловр дац ас а, я сан вежарша а. Иштта хир а ду, Марго, ахь со дукха хьийзавахь. Цундела кху шина – кхаа дийнахь кечам а бина, соьца д1ая еза хьо.
     - Со керста ма ю, Инал…
     - Вайшиммо хьоьга бусалбанан дин эцайтур ду.
     - Тхан ц1еранаш шек хир бу, хьо эла ву – вац ца хууш. Со эла воцчуьнга маре йодахь, 27 эланан кхеташо гул а елла, сан ден а, вежарийн а элалла д1адоккхур ду.
     - Со эла вац бохург сунна дуьхьал х1оттаве, Марго, ас дуьйцур ду цуьнга! – меттаха велира Иналук.
     - Со – м теша, - юхаелира йо1.
     - Марго, сайн сил а дукха езаелла суна хьо. Со лийр ву ахь дуьхьало яхь. Сой, Нодарре шина фаэтона т1ехь шун ураме вог1ур ву к1ирандийнахь. Араяла еза хьо. Вайшиммо тхо долчахь моллайна т1е а дахана, ваьшшинан г1уллакх чекхдоккхур ду. Иштта дут хан 1едал. Ловзар а тхо долчахь х1оттор ду. Хьайн дех а, вежарицх а дага ама йила, хьайна со везахь. Уьш реза хир бац хьо Нохчийчу соьца д1аяайта.
     Иналукана а Маргона а, гарехь, вовшен ч1ог1а дезаделлера дуьххьара вовшашна гушшехьа. Цундела, дукха ойланаш а ца еш, шега Иналука ма аллара, Марго к1ирандийнахь ара а яьлла, фаэтона чу хиира. Уьш Нодаран х1усаме д1абахара.
     Шозлаг1чу дийнахь Тифлисехь йоккха г1овг1а елира. Элан йо1 цкъан а цхьа а эла хилла а воцчу нохчочунга маре яхана, бохург дара наха айдинарг. Маргон  вешо, Вано ц1е йолчу эпсара Иналук тапчанашт1ехь лата дуэле кхайкхира.
     Кура хин тог1е яра иза. Нохчочунна хеара, ша шен стунвешица латар вуно эхье дуй. Амма лата реза ца хилча кхуьнах гуьржаша кхеравелларг вийр вара.
     Юьстаха лаьтташ секунданташ а болуш, карахь х1инцца эцна ц1ена тапчанаш а йолуш, пхийтта г1улч вовшашна гена велира ши довхо. Иналукан хьалха лаг озо кхаж белира. Шена дуьхьал лаьттачу стувешина б1аьра а ца хьожуш, шен когашна улло, лаьттаха тапча ялайтира инарлас. Жима хан яьлча стунвешо кхоьссанчу тапчин г1овг1а елира. Цо шен тапчанан х1оъ стигала хьажайра.
     Иналукан г1иллакх тайначу гуьржийн 27 элано шайн гуламехь сихха сацам а бина, цунна элан дарж делира. Цара динарг эла Сумбатовн сий ца дайархьама а, иза ша элан даржаха ца ваккха а аьлла, дина дара. Ама элан даржо инарла Арсанукаевна хьалха муьллххачу а паччахьан не1 схьаеллаялайта а аьтто бора.
     - Ма кхераме х1ума дара ахь динарг. Ванос хьуо вийнехь х1удийр дара ахь? – хоьттура Нодара.
     - Нохчочо леттачахь шен стуваша вийна аьлла хабар сан Даймахка кхачийтучал сунна суо вийна, аьлла хабар кхачайтар сийлахьхо дара, - жоп делира Иналука.
     Йоьлхуш, марахьерчара Марго Иналукна, шена дерриге а хеъначал т1аьхьа.
     Цулт1ехьа к1ира далале Иналукке Маргой Соьлжа – Г1ала кхечира.
     Шелара Шамсудди – Хьаьжай, Суайп – Моллай цхьана а волуш, уьш Девтакирин Эвла Докка шайхана т1е бахара. Доккас мах бира цаьршинан, Маргога бусалбан дин т1е а эцайтуш, цунна Тамара, аьлла кхи ц1е а туьллуш.
     Цулт1ехьа, йоккха хан ялале, Тамара Соьлжа – Г1алахь а йитана, Иналук Туркойн паччахьна т1е вахара. Ша Гуьржехула юхавог1уш шен доттаг1а, полковник Нодар Кереселидзе а валайра цо шеца Нохчийчу.




     П1ерасканан дийнахь иттех машенаш т1ехь, маьхьаргашший,(сиренаш) лепаргашший (мигалкаш) летайой, доккха орца дахьаш, зударий, берашший кхерош, схьалелхара маьждиге Тарзанне, цуьнан г1ерай.
      Маьждигехь рузбанна д1ах1уьттуш массерал а хьалха а бовлай, куро-о когаш д1аса а тосай, вортанаш д1асаерзо а ца бешаш д1ах1уьттура уьш.
      Тарзан шайн маьждига чу варах а, цо цу чохь ламаз дарах а баккхийбера цхьаболу юьртахой. Иза дара церан х1инццалц лаьттанчу 1едале безам ца хилар, тарзанаг1ара и 1едал дохош хазахетар. Моьттура нахана, къаьсттана, «шабашникаш» бу, бохуш, хьийзайначарна, советан 1едал гена мел дели, зама толур ю.
     Рузба ченкхдаьлча Тарзан юьстахваьккхира юьртадас Мершиевс. Цаьршимма дехха къамел дира  цхьана б1оран 1индаг1ехь.
     Колхозан 1ахар диссина хьелий а, шинарш а лома хьала а дахайтина, узуш долу хьелий а, церан кхушара дина эсий а ц1ахь дитинера цу аьхка.

     1уьйкъахенахь са тасале цхьамма ондда, сихдинна деттачу ковно самавеккхира Ибрах1им а, берриге а цуьнан доьзалш а. Сихха хьала а лилхина, кет1е хьаьдира Ибрах1им а, Расул а. Ков деттарг колхозан фермин хехо, астаг1а Шудди хиллера.
     - Ибрах1им, вайн б-б-ежнаш д1адиги - кх, со д1а а вихкина, сепараторш йолчу чу а в-в-оьллина, не1 д1а а къевлина, - воьхна, вега а веш, дуьйцура хехочо.
     - Хьан диги? Маца?! – моха хьаьдда, хоьттура председатела.
     - Буьйсанна юьккъехь дара иза – м. Муьлуш бу – ца б - евзира сунна. Цхьа1 зоьртала стаг в-в-ара, йоккха, еха маж а йолуш. Цо, сан легашна т1е тапчайн юьхьиг а та1айна, в-в-уьйр ву ша, бохура, г1овг1а яхь. Цо вуьйр а вара. Иза боьха х1ума яра т1ехьаьжна а. С-с-уна иштта боьха х1ума г1енах а, киношкахь а ца гинера…
     - Тарзан вукха кхо вуьйцург! – сихха шена хетарг элира Расула.
     - Х1у Тарзан? – ца кхийтира Ибрах1им.
     - Тарзан боху бандит вуьйцуш ца хезна хьуна?
     - И тюрмера веддаргге?
    - Х1аъа.
    - И муха кхаьчна кхуза? – хоьттура Ибрах1има.
    - Цхьаммо наводка йина хир ю, - хетарг элира Расула.
     - Маса бежана дигна? Мича дигна? – хоьттура председатела хехоче.
     - Хаац. С-со чу воьллина ма вара. С-сайн аравала к-к-ка ма даьлли, хьо волча хьоьга хаайта в-в-веакха со… - бехказа вуьйлура, толкха а лелхаш, хехо.
     - Вало, Расул, машен араяккха. Боккхачу новкъа т1аьхьадоьлху вай. Гена бевлла ца хила а мега уьш.
     Цу 1уьйранна серлаяллац а, серлаяьллачул т1аьхьа а лехарх, цхьа а лар ца карайра царна. Некъаца кхош ца карорехь а хиира царна бежнаш цхьанхьа хьуьна юккъехь къайладаьхний.

**


     1917 – шеран октябрь баттахь (шира календарца) Петербургехь 1едал схьадаьккхинера большевикаша. Юьккъе бут бен ца буьйлира имама Салтински Узун – Хьажис шен муьридийн зскар Къилбаседа Кавказехь паччахьан 1едалах йиссина кескаш йохо г1аттош. Оццу шарахь декабрь баттахь х1ора мурдана кара цхьацца мехкадаьттинан шиша а делла, Хасав- Юрте Гуьмсейе схьа а яьккхина, имперех мел йиссани г1ишлош яго омра дира имама.
     1918 шарахь ц1ечаьрца, 1919 шарахь к1айчаьрца т1емаш латтайра Узун – Хьаьжас, шен мохк церан кара ца бахайта г1ерташ. Т1еман а, граждански а штаб Веданахь яра Узун – Хьажин. Министрин кабинетан Председатель – Арсанукаев Иналук (Эла Дишнинский). Т1еман штабан куьйгалхо – т1еман говзанча, полковник Нодар Кереселидзе.
     Еккъа ц1ене Нохчийчохь, я Дег1астанехь Россех дозуш доцу 1едал а паччахьалкхе а кхолла атта хир доцай хеара Узун – Хьажина а, Иналукна а. Цундела, Иналукан лаамца, Къилбаседа Кавказан эмират кхайкхайра цара, юьхьанца штаб Веданахь а йолуш. Ехкира министерствош. Турцера говзанча а валайна, арахеца долайра ахча.
     Узум – Хьажинай, Арсанукаевнай 1919 шеран гурахь дуьхьал лаьтташ Воздвиженкин казармаш чохь 600, Шелахь нохчаша шайн х1усамашкахь д1анисбина 2500 белогвадейцашше, г1алг1азакхий бара.
    11 сентябрехь вовшахкхетта Узун – Хьажин Шари1атан полкке, орцаха бевллачу нохчийн дошлойн отрядашше  ц1еххьаршха Воздвиженкехь  империн подразделенишна т1екхийтира. Цу дийнахь делкъале к1айн эскаран эпсаршше, сатийе идарца к1елхьара бовла г1иртира.
     Цхьаберш байиний, лазиний ийгира. Вуьйш бевдда, к1елхьара бевлира. 112 эпсар а, салти а йийсаре а вина, Ведана хьалахьажайра.
     Йоккхачу Атаг1ахула Шелара араевлла  цхьацца б1е стагах кхоллаелла г1алг1азакхийн отрядаш ю к1айчарна г1ода йог1уш, аьлла, хаам кхечира. Амма и отрядаш х1аллак а йина, Шела т1екхета кечам бира г1азотан мурдаша.
     Шелахь йоккха империн гарнизон яра нохчаша кхобуш. Амма Узун – Хьажий, цуьнан г1оьнчий Дышнинскийе, Кереселидзейе шайн эскарца т1ебог1у, аьлла хезча, паника йолаелира.
     Къилбехьарий, Сержа - Эвла аг1орхьарий, Атаг1а аг1орхьарий т1екхийтира мурдаш Шеларчу гарнизонна. Дуьхьал г1ехь т1ом а бина, Чурттог1е аг1ор бухабевлира гарнизонан т1емалой. Кхузахь мурдашна дуьхьал керла ницкъаш бехира к1айчара. Цу ницкъашца герзах боьттина бронепоезд а бара. Амма шаь юхабовлуш мурдаша шайца йийсаре вина 138 эпсарре, салтийе валайра.
     Узун – Хажин ницкъах дийцарш гена д1а кхечира массанхьа а Россехула. Оццул боккха ницкъ вовшах ца кхеттера ламаройн Имам Шемалан пачхьалкхе йоьхчихьанна кху Астраханера Баку кхаччалц долчу лаьтта т1ехь.
     Доцца аьлча, 1917 -  1920 шерашкахь Узун – Хьажинне Иналук Арсанукаевнна санна ницкъ бацара Къилбаседа Кавказехь цхьаннахьа а.
    Деникинан империн б1о а, г1алг1азакхий а кху махкахь тоьлар бац, тхуна чохь са а долуш, аьлла ч1аг1о йинера нохчаша, г1алг1аша, г1ебартлоша, х1ириша. Г1алг1аша-м Къор1ана т1ехь дуй а биънера, юхадевр дац шаьш, аьлла.
     Дышнински Иналук говза политик вара. Цо дипломатии лелайора, амма бериге а ницкъа йозуш йоцу пачхьалкхе кхолларна т1ебахайтина бара. Ц1ечарна г1оде, аьлла, Ушаев Мазлак шена т1е веъча, Иналук г1ода сих ца велира. К1айчарайц, ц1ечарай вовшашна зен алсам мел ди мурдашкахьа дара. Ц1ечарна г1ода шен б1о д1а ца хьажош, шина сохьтехь дахдира Иналука шен ламаз цхьана дийнахь, Узун – Хьажас шега сихо е боххушехьа.

     Дышнински Нохчийчоь туркошна д1аяла г1ерташ хилла, бохуш яздина цхьаболчу Советан заманан историкаша. Иза бакъ дац. «Нохчаша я бичераховцаш а, я туркой а чекх ца бовлайта сацам бина…» - бохуш яздо Серго Орджоникидзес (Статьи и речи.т.1, М, Госполитиздат, 1956, стр.45.)

     Иналук Арсанукаевнна, имам Узун – Хьажинна барт хуьлура. Цаьршинан 1алашо цхьаъ яра – Къилбаседа Кавказехь Россех а, Турцех а, цхьаннех а йозуш йоцу пачхьалкхе кхоллар.

     Туркойн паччахьера ша г1одийр хиларх ч1аг1онан тоьшалла а дахьаш, Нохчийчу юхавеара Иналук 1918 шеран август баттахь.
     Бекъабела, вовшен чучча баха г1ерта к1айнаший, ц1енашший 1адда а битина, Веданахь имам а ваьлла, шар1ан б1о вовшахтоьхначу Узун – Хьажина т1е ваханера Иналук. Имамана, цхьа дика, нохчийн мотт хеара.
     Дезткъе ит шаренга хьалаг1оьртина воккхастаг велахь а, кхетамна галваьлла вацара Узун – Хьаьжа. Дахаро 1амайнера иза Россин имперех ца теша. Мелла а аьтто баьллачахь ерриге а Кавказ д1а а къастайна, шен йозаш йоцу пачхьалкхе йиллар мацца хилла а ца хилча ца долуш х1умаду, олура керла ваьллачу имама.
    - Къилбаседан Эмират кхолла еза, Узун – Хьаьжа. Туркоша а кхечу бусалбанан пачхьалкхеша а г1одан декхара ду вайн. Соьгахь Туркойн элайо  делла тоьшалла а ду, шаьш г1одийр хилар ч1аг1деш.
    - Туркоша – м дукха дуьйцура, мацах Шемалан заманахь дуьйнна. Осал къам ду иза, - шеко йоццуш элира имама.
     - Теша ца тешахь а, ваьш теша ца моттайтичи девр дац вай. Россера кху вайн чу г1ертош берг кичча т1ом ма бу. Вайн къам х1инцале декъна цара, вовшен коча дахайта. Ахь айхьа ца аьлла, «Х1у бен ю к1ай хьакха а, ц1ен хьакха а»?
     - Росси империна цкъа а луур дац вайна чу са дан, вайн ч1ог1а пачхьалкхе хила. Царна вайн латтанаш деза, адамаш ца деза. Шаьш когаш тоьхча кхерабала кича болу цхьа осала нах куьйгалле а х1иттош, дакъаза дохур ду цара вайн къаьмнаш. Иштта го сунна, - Элира цу сарахь Узун – Хьаьжас, маьрк1ажан ламазаш шаьшшиъ дина ваьлча.
     - Иштта ю империн амалш, - реза хилира Иналук. – Империн колони к1ел чу са деана къаьмнаш к1езиг ду. Шайн къоман амалш а, г1иллакхаш а, мотт а, истории а, дин а дицдинарш бен ца хьоьсту империс. Амма уьш дицда реза берш а шортта хуьлу, шайн бага стомма марш боьлличахьанна.
     - Суна хазахета, Иналук, хьо а, Нодар а сайца волуш. Шуьшиъ суна Дала ваайтина.
     - Лахь а, диссахь а рицкъанаш цхьаъ хир ду вайн, Дала макъалахь, - ч1аг1о йира цу сарахь Арсанукаевс. Мел шена дуьненчохь ваха лахь а, къоман г1айг1а юха а тетина вахар оьшуш вацара иза.
     Наггахь, набъеш санна, шиб1аьрг д1а а хьаббой, хабарш дуьйцура Узунт- Хьаьажас. Кху сохьа а дица волавелира шайх, Иналук уллохь а волуш
     - Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта, нагахь вайн х1инца иза юхатоха ницкъ ца кхачахь. Тешар бац вайх муьжгий, мел дакхай г1иллакхаш вай шаьшца леладахь а. Царна «г1иллакх», «оьздангалла», «эхь – ийман» бохурш х1уду а хуур дац. Цхьа бала д1аболлунехьа кхи бала т1ех1уттуш, хьеран кхахьаро санна отур ду  вай Йилбазо. Баь1а шаренга дер ду и къематан де юьхьанца, нохчашна юьккъехь шайн шайхаш кхиъалц. И шайхаш къобал ца беш, царна дуьхьал халкъ дохуш а уьхур ду дуккха а шераш. Амма орца кхочур ду. И орца заманан инзаре генарчу к1оргера хир ду. Цу орцано доллучу дуьнене а синтем кховдор бу…
     Цкъа Узун – Хьаьжас иштта олуш хезнера Иналукна:
     - Нохчийн лаьмнаша т1еийзабо имамаш, шайхаш, цхьана инзаре боккхачу ницкъаца. Къайлехь бу тахана и ницкъ. Амма, мацца баьлла а, и ницкъ гучу ца баьлча йиш яц.
     Воккхастаг харцлоь моьттура Иналукна. Цунна уллохь 1ара иза, шайх набаро г1елваллац.
     Узун – Хьажинне, Иналуканне Эмират шорлуш лаьттара. Дерриге а Къилбаседан Кавказан къаьмнагш юьккъе дог1уш лааьттара цунна. Министерствин куьйгалхой тайп – тайпана Къилбаседан авказан къаьмнеха бара. 
    Эмиратан кхиамаш алсам мел бийли гамо алсам яра къайлабуьйлуш лаьттачу къайчийн а, стамлуш лаьттачу ц1ечийн а.


 
     1918 шеран 17 августехь Г1ойт1ахь хиллачу Къоман гуламехь нехан барт хилира Соьлжа-Г1алахь Бичераховн г1алг1азакхашний, ц1ен эскарний юьккъехь боьдучу т1амехь ц1ечеран г1олаца. Дуккха а нохчийн ярташкахь т1емалойн тобанаш кхоллаелира. Иштта д1адоладелира Нохчийчохь т1аьхьо Шерипов Асланбек коьрте х1оьттина Нохчийн ц1ен арме кхоллаялар.
     Арме кхолла Г1ойт1арчу гуламо Шериповна ши миллионе ах миллионе гергга ахча а делира.
     Г1ойт1ахь 520 т1емало а волуш, т1еман сур кхоьллира. 1алхан – Юьртахь – 500 т1емало, Йоккхачу Атаг1ахь – 100 сов т1емало, цул сов пулеметийн рота. Х1ора юьртахь а т1емалойн хойн сур кхолладелира, мацахлерачу заманахь сана. (Масала, нохчийн хойн сур ду т1аьхьа гуьржаша хевсуры – аьлла ц1е тиллинарг).
     Кестта Асланбек Шериповн куьйгаллина к1ел ши эзарре ах эзарре стаг гулвелира 18 нохчийн юьртахь.

     1918 шо чекхдолуш Нохчийчохь ч1аг1делла цхьанне а 1едал дацара. Амма ч1аг1бала луурш дуккха а бара. Царна юьккъехь большевикаш, Къилбаседа Кавказани а, Дег1астанан а Союз, Бичераховн г1алг1азакхийн г1ера, Деникинпан арме. Царна юьккъехь боккъала а нохчийн а, бусалбанийн а бала а болуш, цхьаннех а йозуш та йоцуш пачхьалкхе кхолла г1ертарш Узум – Хьажинне, Арсанукаев Иналуканне эскар бен дацара. Г1уллакх кегош, шайн политикан г1уллакхаш хьалхадаха г1ерташ юьккъе г1ертара Великобритании, Франце, Германии, Туркойн пачхьалкхе.

      Т1аьхьо, 1919 шарахь, аренца Деникинан б1о тола баьлча, Нохчийчуьра нах кхаа декъе бекъабелира. Цхьа тоба – А-М. Чермоев а, И. Чуликов а коьртехь а волуш, хьоладайн ц1арах Нохчийчоьнах цхьаннах а йозуш йоцу пачхьалкхе кхолла г1ертара. Важ тоба – Узун-Хьаьжа а, Иналук Дышнински а коьртехь а волуш, йоллучу а Къилбаседа Кавказехь йозуш йоцу бусалбанан пачхьалкхе х1оттор 1алашо лаьцна яра. Кхозлаг1а тоба – Асланбек Шерипов а, Таштамир Эльдарханов а, Гайсумов Суайп-Молла а, Гойтински Ибрах1им-Хьаьжа а коьртехь а волуш, мискачу нехан 1едал х1отто г1ерташ яра, большевикаша дуьйцучах а тешна.


     Ц1ечара кестта нохчашна шайгара г1алг1азакхаша схьадаьхна латтанаш юхалурду а бохуш, говза 1ехабора ламарой. Иштта шайгахьа ерзайнера цара Къилбаседа Кавкаазан эмиратан имаман Узум-Хьажин б1о юьккъерчу нохчийн ойланаш а.  Амма эмиратан Коьртачу министрна Арсанукаев Иналукана шера хеара ц1ечара лелораш х1илланаш дуй а, церах теша мегардоций а. Цундела ц1ечарна гуттара а новкъа вара шен лаамехь а, кхеташ а, кханенан ойла еш а волу инарла Иналук.

     Соьлжа-Г1алахь революцин штабан коьртехь волчу Гикалон кабинета чохь дара иза. Цуьнан разведкийн куьйгалхо Абрамцев вара кхолладеллачу хьолан доклад еш.
     - Молланашкахь ду Нохчийчохь 1едал. Цара вайга х1уъа дийцахьа, уьш молланаша аьллачул т1аьхьара бевр бац. Классови кхетам нийса бац церан. Пролетареш ма бац уьш… - дийца волавелира разведкийн куьйгалхо.
     - Собар, собар! – т1ечевхира цунна Гикало. – Суна ца хеа, я со б1аьрзе ву, 1овдал ву бохуш дуьйцу ахь уьш? Вайга цхьана дийнахь Нохчийчоь а, Кавказ а хийцалур яц.  Кавказан т1ом мел беха лаьттина дага ца дог1у хьуна кхумакхаройх адамаш дан г1ерташ? Вайн таханалера 1алашо – уьш Бичераховн аг1ор а, Деникинехьа а ца бовлайтар яра. Цу т1ехь вайн, хьуна ма-хаъара дика кхиамаш а хилира. Вай-м хьераваьлла имам Узун – Хьаьжа а ваьккхира вайгахьа. Иштта хуьлу говза лелча.
     - Иза нийса ду, со цуьнах кхета, Николай Федорович,  сихха элира дуьхьал хиъна  1ачу Абрамцевс.
     - Хаахь, хьан коьрта 1алашо – муьлхучу моллас х1у хьехамаш бо, муьлуш бу вайна дуьхьалг1овтта кечбелларш, мичара х1у тешнабехк бут пахана вайна т1е г1ерташ – ишттачийн терго яр ю. Кхана хиндерг кхана бен хуур дац. Вай шайхаш дац, большевикаш ду. Вай ваьш хуьйцур ю кхане а, тахане санна.
     - Кхераменаш ахь хеттахь, Николай, Федорович, цхьаъ-м ву кхераме нохчашна юьккъехь, - эккхайтира Абрамцевс.
     - Мила ву иза? – сихха хаьттира Гикалос.
     - Иза дера ву Узум-Хьажин коьрта министр, инарла, эла Арсанукаев Иналук Дышнинский. Шайх кестта лийр волу шву, иза веха вехар вац, хала бен чу-ара валалуш а вац. Эмират Арсанукаевк кара йодахь, цуьнца къийса хала хир ду вайна.
     - Цу т1ехь хьо бакълоь, - сихха элира Гикалос. – Дышнински кхиболчу нохчех тера вац. Чермоевн шен хьолаца бен бала бац, Соайп-молла вайх кхоьруш лела. Шерипов цхьа бера т1орза ю шен даржах а, герзах а воккхпавеш лелаш. Алиевн безам а Деникинехьа бу. Вайна бале вен верг Арсанукаев ву.
     - Х1удо вай, д1авоккхий вайи за? – хаьттира Абрамцевс.
     - Ахь ма атта дуьйцу. Вижана 1аш-х ваций иза, ахь ша веллац бохуш? – ца кхийтира Гикало цо аьллпачух.
     - Кхузахь, Соьлжа-Г1алпахь ма ю цуьнан х1усам… - кхетийра Абрамцевс шеен хьаькам.
     - Дика-м хир дара, кхана иза вайна бале ваьллачул т1аьхьа вен г1ертачул…

     Шен х1усаме охьавеъча Соьлжа – Г1алахь эвхьаза лелара Иналук. Ур-аттал уллохь ха а доцуш, театре а воьдура, шен вешин берашше, х1усамнана Тамарайе улло а бохай.
     Иналук ц1а маца вог1у а хьаьжна, к1ело йинера ц1ечара.
     Ц1енна улло кхача ткъа – ткъей ит г1улч йиссанчахь т1етоха долайра тебна 1ачара герз Иналукна а, иза ларвеш уллохь болчу т1емалошна а.
     Ирча сурт дара х1оьттинарг. Адамийн а, говрийн а ц1ийн 1овраш вовошахъийнера. Терсаш, елла д1а ца совцуш, еха еттаелира говраш. Иналунанна, цунна ха деш волчу шиннай дег1ат1ехь – м ягаръйина ца валлал чевнаш яра. Гарехь, к1ело а йина тоьпан легнаш ийзайнарш иттех стаг вара.
     Иналук Алдехь кешнашкахь д1авоьллира. Цуьнца хиллачу т1емалойн  декъий кхозлаг1чу дийнахь ворданашкахь шайн эвлашка кешнашка хьала а даьхьна,  лаьтте кховдийра.


**


     Иналукан кхалхар шена д1ахезча ч1ог1а халахетта хьаьвзинера Салам-Хьаьжа. Цха сатийсаман тай ц1еххьаршха хаьдча сана хийтира цунна.
     Иналук санна ц1ена ойланаш йолуш, и санна дешна, яхь йолуш, кураллаш йоцуш, б1ов доцуш, деналлехь гора цунна нохчийн 1едална коьртехь хин волу, нохчийн паччахьалкх кхуллу волу куьйгалхо.
     Узум-Хьаьжа дукха вехар воций а, паччахьалкхе кхолла цуьнгахь хаарш а, говзалла а йоций гуш дара. Иза дийна волуш а дерриге а дукъ а Иналукан белшаш т1ехь дара. Йоккха хан ца оьшура инарла Иналуках йоллучу а Къилбаседа Кавказан эмиратан куьйгалхо хила а.
     Шен хенахь Шайх Мансуран карара а елира дерриге а Кавказан къаьмнаш вовшахтохаран 1алашо. Х1инца Арсанукаев Иналукан карара а елира. Гарехь, шен хан йоцуш ца кхуьу стом.
     Цу муьрехь нохчийн карара баьлларг башха мукъ буй хеара шайхана. Вовшах а кхетта, цхьа ницкъ а хилла д1а ца х1иттина нохчий кегаба х1инца атта дара жуьгташай, шовинисташай, шина декъе екъначу ши корта болчу Россин империна.
     Империн 1едало, цкъа ч1аг1ъеллачул т1ехьа, барт мухе а хилайтур бацара нохчийн вовшашца. Боькъуш латтор бара, цхьаберш хьоьстуш, вуьйш бандиташ бу, бохуш, ц1ераш тохкуш.
      Шайн къоман а, мехкан а бала а болуш, уьш д1анисба г1ертарг везар вацара гуттара а россин къаьмнаш вовшашца ийг1ина хилайта луучарна. Шаьш когаш тоьхча водуверг бен х1оттор вацара хьаькам. Иштта ехха, декъаза зама яра нохчашна т1ег1ерташ ерг.

     Цу сарахь мурдаша хеттарш дора Салам-Хьаьже.
     - Шайх, дийцахьа, х1унда ца деза вай керстанашна?
     - Вай цадезарш бакъболу керстанаш бац, Йилбаз ду, керста ду ша а моттайтуш, бусалбанашше керстанашше гуттара а вовошашца г1оьртина хилайта, вовшашца т1емаш байта г1ерташ дерг. Бусалбанашше, керстанашше олай боькъу ах-молланаша вовшашна дуьхьал лаьтта мостаг1ий. Иза нийса дац. Бусалбанашна а, керстанашна а дуьхьал лаьттарг адаман сибате дахана Йилбаз  ду. И Йилбаз эшалур дац, цуьнан мекараллина т1е а кхуьур дац вай, цхьана ца хилахь. Цундела ю Йилбазан угаре а коьрта 1алашо вай декъа а доькъуш, вовшашна т1е тийсар.
     - Шайх, маца к1елхьара девр ду вай цу Йилбазан мекарлонех?
     - Йилбаз гуттара а хир ду Къематан Де т1екхаччалц. Йилбазана дуьхьал бечу т1амо вайна ницкъ ло, вайна нийсо къовса лаар алсамдоккху. Цхьа а хало ца хилча вай мадделла, г1елделла д1адевр ма дара. Цундела сийлахь везачу Аллах1 Дала говза латтабо вайн дог1машкахь, синошкахь ницкъ. И вайгара ницкъ деба леа сийлахь везачу Аллах1-Далла.
     Амма Йилбазана к1ел совцахь дакъаза девр ду вай. Вай Йилбазана к1ел совцур ду, вай вешан дахарехь сутаралла, саьхьаралла, къизалла толийтахь. Дуьненан бахамо 1ехайначеран амалш  ю уьш.
     - Шайх, бусалбан дин цхьаъ ма ду. Т1ерехьаташ дуккха а х1унда ду?
     - Бусалбан динан бух шари1ат бу. Цу т1ера д1асата1а йиш яц вайн. Амма х1ора стеган а, х1ора къоман а шен-шен дахар ду, башхаллаш а йолуш. Цу дахарехь х1ораммо а ша къастабо шен сийлахь везачу Аллах1-Далла т1е боьду некъ. Цунна парг1ато елла Дала х1оранна а.
     Амма нохчех къаьсттина къинхетам бина сийлахь везачу Аллах1-Дала. Нохчашна угаре а шира т1ерехьат делла Дала – Нохчалла! Угаре а кху дуьненчохь хаза мохк а бела – Нохчмохк.
     Шайх, нах болчу нехан а, нах боцучу нехан а амалш билгалъяха аьтто буй? – хааттира Салам – Хьаьжига.
        Аьтто бу, жоп делира шайха.

   Нах болчу нехан амалшна юьккъехь х1орш ю:

  - Дуьненах воккхавер, дуьне дукхадезар
  - Дуьне довза, цуьнах кхета лаар.
- Дуьне шена санна нахана а дезий хаар.
- Дуьне Дала кхоьллиний, Дала ца кхоьллича шашах кхолладала йиш йоций хаар.
- Адам дезар. Адам дезар – Дела везар дуй хаар, адамашна гуттара а дика болх бан а, хила а лаар
- Шена хуьлу цатам хийрачу нахах хьулба хаар.
- Къам деба, иза ирсе хила лаар.
- Къинош ца летор, шел г1ийлачунна, шегара г1о оьшучанна ша орцаха валар – бусалба хиларан угаре а коьрта билгало юй хаар.
- Нахаца гамонаш ца лелор, массерца а бертахь, иманца, беркатца ваха лаар.
 - Аьшпаш боттар – Делаха валар дуй хаар.
 – Ша мел ду1у са, ша мел боккху ког, ша мел ен ойла, шегара мел долу диканиг а, вонаг а Далла гуш дуй хаар.
 - Дела гуттара а шеца, шен ц1ийца, ойланца, сица вуй хаар. Шена Дала деллачу эхь – ийманца Дела шеца гуттара а къамелехь вуй хаар, эхь – ийман – Дала шеца гуттара а буьйцуш мотт буй хаар.
 - Далла угаре а ч1ог1а цаезнарш - шалхонаш, моттарг1анаш, Дела 1ехон г1ерташ юьйлийту ледарлонаш юй хаар.
 - Харцонна, ямартлонна, къизаллина, акхараллина, доллучу а эхье долчунна, Дала дихкина долчунна дуьхьало ян хаар, эшначахь шегара майралла, деналла гайтар, Дела воцчах кхера а ца кхоьруш, оза а ца луш.
– Ша каглур волчахь - к1еда хилар; шех нахана а, уллорачарна  а бала хинболчахь - юхавала хаар; майралла сонталлех къасто хаар; эшначахь эхь т1еэцар – деналла юй хаар; мичча хьолахь а адамаллех ца вохар.
 – 1уьйранна ша самаваьлча а, суьйранна ша д1авуьжуш а ша дан дагалаьцна а, дина а дикачу г1уллакхийн ойла яр; шегара ледарло, къилехь х1ума даьллехь, иза д1анисдаллац шен ламазана Далла дуьхьалх1отта йиш йоций хаар.
– Х1ора дас а шен доьзал дика, ийманехь кхиабахь; иза беркате, Нохчалло ма хьеххара хьаналчу рицкъанца д1анисба хаахь, ша кху дуьненахь коьрта 1алашо кхочушъйинай хаар, ша Далла гергахь а, нахана гергахь а юьхьц1ена вуй хаар.

     Нах боцчу нехан амалш кху кепара ю:

 – Дуьненах а, нахах а цавашар.
 – Ша нахал лакхара хетар.
 – Нахал рицкъанца, ахчанца совала г1ертар.
 – Рицкъанца, ахчанца соввалар – деналла а, стогалла а ю моттар.
 – Хьал-бахам лахар – шен дахарехь коьрта 1алашо лацар.
 – Шена дезарг нахана а дезий ца хаар.
 – Къолаш а деш, кхаь1наш а оьцуш, хьарам рицкъа а гулдеш, и дерриге а   мовладашца, динан дайн кисана соьмаш те1орца, ша суьпаваьлла    моттайтарца, ша деккхана саг1а нахана а, махкана а гучадаккха г1ертарца  д1анисда г1ертар.
 – Мотт –эладитта лелор, нахана т1ехьашха лер.
 – Нахана а, къомана а, махкана а т1ег1ертачу сингаттамийн бала ца кхачар,  массо аг1ор а, массо х1уманах а шена пайда баккха г1ертар, цхьаннех а эхь ца хетар.
 – Деза къамелаш дар, нахана тешнабехкаш бина а,  даржашкахь лакхавала  г1ертар, шегара нахана цхьа а пайда ца хиларх шеек ца валар.
 – Шена пайда ца хилча нахана г1уллакх дан ца лаар, ша к1елхьара вала,  муьлхха бехк а нахана т1ебахайта кийча хилар.
 – Ша кхоьрачунна хьеставалар, мотт хьекхар; шел г1ийлачунна ницкъ бар,   иза тергал ца вар.
 – Нахана вон болх хилча хазахетар, дика болх хилча халахетар.
 – Шен вала везаран ойла ца яр, наха шен йоккхучу ц1еца бала ца хилар.
 – Нахана тешнабехк бина а, шен хьал – бахам совбаккха г1ертар.
 - Шена ца хуург дийцар, ша охьла воцчунна юькъа г1ертар.
 
     - Шайх, х1у ду сийлахь везачу Далла угаре а цадезнарг?
     - Цадезнарш дуккха а ду, амма угаре а Дела оьг1ах вохийтуш дерг – динан дай ду шаьш бохучара лелон шалхонаш, моттарг1анаш, ц1их1уралла.
      Дела вохкар санна х1ума ду динан дай хьоладайшна хьеста а луш, церан рицкъане сатийсар, хьарамниг уьш хьулда г1ертар. Ишттачара кегийчеран динах догдоккхур ду, дин дохо улло дуьгур ду.
      Амма церан и дан йиш хир яц. Х1унда аьлча, Нохчалла нохчийн ц1ийца ю. Ткъа Нохчалла – бусалба динин угаре а къоргера орам бу, цунна юъккъера угаре а ч1ог1а гарс бу, Нохь-пайхамарна т1ера дуьнна схьабог1уш хиларна.
    - Шайх, т1емашца ца къарбина нохчий цхьаммо а. Муьлха хетта хьуна вайн къомана уггаре а боккха кхерам?
     - Вовшех ца дашар, - доцца элира Салам-Хьаьжас. – Вовшех ца дашар – ваьш муьлуш, мичхьара ду ца хаар, вешан орам ца бовзар. Ваьш муьлуш ду хаахьара вовшен сий-лерам бийр бара вай, вовшен дезар дара. Цкъа мацца хилла а иза а хир ду. 1илманчашна гучаюьйлуш ю вайн цхьацца генара къайленаш.



     **


     1927 шеран гуьйре яра иза. Салам – Хьаьжин керта иккхира иттех шо хьалха кхунна вевзина хилла, карах к1ант велла, луларчу юьртара Расул.
     - Салам – Хьаьжа, суьйре дика хуьлда хьан. Ма дика ду сунна хьо ц1ахь карайна. Къамел ду дан дезаш.
     И шиъ дессачу хьешан ц1а чу вахара.
     - Салам – Хьаьжа, дешна нах бу д1алоьцуш. Спискаш т1ехь хьо а ву. Вайн гергара цхьа стаг ву царна юьккъехь. Цуьнгара хеъна сунна.
     - Соьгара х1у кхерам бу 1едална, дезткъа шо а кхаьчна волчу? – г1ийла велавелира шайх. Цунна-м шера хеара кху къоман угаре а тоьлла нах большевикаша х1аллакбечу муьрехь ша цара волийтур воций.
     - Цара и ца боху. Цара хьо кхераме ву боху. Цара ахь аьлла боху иттех шо хьалха: Х1у башхала ю хьакха, мичча басехь хилча а? Хьо тешаме вац боху цара.
     - Набахташкахулай, Сибарехулай лела хан яцара сан, Расул, - элира Салам Хьаьжас. – сихха тоьпаш а тоьхна цара вехьара – м сайн ирс дара сан. Кху 1едална суо ца везай сунна хуу-м дуккха а хан ю, Расул.
     - Х1ан-х1а, вайшиммо цхьа кхи дийр ду, - элира Расула. – Вай цу сан гергарчу стаге хьо цомгаш ву, коьртаца а галваьлла, цхьа а тайпа днан г1уллакхаш лелош а, лелор долуш а вац, алийтур ду. Хьуо ларлур вуй хьо ткъа, кхи г1ара ца вуьйлуш?
     - Х1ан – х1а, Расул, цара со х1уъа дича а вуьтур вац. Большевик а, чекист а соьх х1инца хилалур вац, ткъа кхиберш царна берриш а новкъа бу. – Жима сецна, т1етуьйхира: - Сайн кхелана реза хир ву со, Расул, идда вер вац. Хьуна Аллах1-Дела реза хилла варна а, и бакъдерг соьга дийцарна а. Берашка вистхила хан хили сан хьо бахьанехь.
      Цу сарах цо шен кхо к1ант – Асваддий, Даваддий, 1абдурахьманне чукхайкхира. Зуда т1аьхьа бен ца ялийна, къона бара Салам- Хьаьжин доьзал.
     - Гарехь, со лаца бог1ур бу тховса, я кхана, - парг1ат, леррана шен к1ентийн х1оранна а б11аьра а хьоьжуш, къамел долайра дас. – Юхавоьрзур ву, я вац – иза Делан карахь ду. Иштта зама ю еанарг. Шена т1ееъана зама лелон дезаш хуьлу х1оранна а.
     - Х1ан-х1а, Дада, оха хьо вуьгийтур вац! Тховссехьа лома хьаладоьлху вай! Говраш кича ю! – меттаха велира Асвад, воккхаха верг. Кхойтта шо кхаьчна Давад ша х1у ала, х1уда деза а ца хууш, воьхна лаьттара. 1абдурахьман – м  цул а жима бер дара.
     - Х1ан – х1а, болх Делан карахь бу. Кунта – Хьаьжаа ма вигна цара, - эккхийтира Салам- Хьаьжас. Шен хьомечу устаза лайнарг ша а ларах дац х1умма а, - бохург дара цуьнан иза.
     Сайх х1уъа хилахь а шуна цхьа весет дуьту ас, - элира дас, х1ора к1ентан б1аьргаш чу а хьожуш: - мел яккхий халонаш шайна т1е1иттаяларх, Нохчаллех ма дохалаш. Нохчалло х1убоху хуур ду шуна шайн дегнашкахь, синошчохь долчу эхь-иймане аш ладо1ахь. Аллах1-Дела шун х1оранан а синош чохь ву шуна. Кхи цхьаннахьа а карор вац шуна иза кху дуьненчохь, вай дерриге а бакъ-дуьнене дерззалц.

     Буьйсанна юьккъехь Салам-Хаьажин керта лилхира салти. Сихха шайна не1 схьа ца йиллича, иза дагарца йохо х1итира уьш, берриге а зударий а, бераш а кхерош, цаьрга белхаран маьхьарий и дийлайтуш
    - Собар! Собар деха шайна Делера! Аш боххург дийр дув ай, шуша дуьхьло еш цхьа а вац! – карзахбевлларш совцо а г1ерташ, гучувелира Салам-Хьаьжа. Амма баьхкинчарна иза ара а ваьккхина д1авигар тоам ца хетара. Гайта дезара массарна а шайгахь мел ницкъ бу, мел чекха дакъазабоху шаьш «къоман мостаг1ий».
    - Ц1енойх ц1е тасаеза! – марсавуьйлура цкъа мацах нохчаша т1елерина хиллачу соьлечун т1ехьенаха цхьаъ.
    - Ц1енойх ц1е таса ца аьлла вайга, - дуьхьло йира вукхо.
    Дуьне дассаделла, доьхна д1адахча санна хийтира шозлаг1чу 1уьйранна эхь-ийманахь мел волчу юьрахочунна.
     Шозлаг1чу дийнахь Салам-Хьаьжина Соьлжа-Г1алахь тоьпаш туху кхел а йина, вен а вийна, Соьлжа хи чу кхоьссина, аьлла, хабар кхечира юьрта.
     Асвадана а, Шомсина а т1е кадамеш беш нах уьхура. Цхьаберш кортош айддой, вуьйш болхуш, вуьйш кхоьруш, д1аса а хьуьйсуш, 1едалехь болчарна ма гахьара шаьш, бохуш.
     Юьртана а, махкана а дазделларг – Салам-Хьаьжа дакъа, каш доцуш вар. Йоккха чов яра иза доллучу халкъана а. Хетара, х1ара лаьмнаш, х1ара стигланаш муха лаьтта оццул парг1ат, х1оккхул яккхай харцонаш а гуш? Х1у хьехнера, х1у дийцинера Салам-Хьаьжас нахе, масла1ате, машасре, беркате дерг бен? Я машар, масла1ат, беркат оьшийтехь кху чохь и харцонаш лелочарна?!!
    


      **
       Ворх1 шо зама елира цул т1аьхьа.
       Баккхий хиллера Салам-Хьаьжин доьзалш а. Вок¬кхаха верг, Асвад, Салам-Хьаьжа дийна волуш дуьнна зуда а ялийна, боьваьлла вара. Юкъераниг, Давад, зуда яллориг хилла, жима стаг вара. Жимхаверг, 1абдурадьман, шийтта шо кхаьчна бен вацара. Шала йина ши йоI а яра Салам-Хьаьжин - Маккий, Мединий ц1ерш а йолуш. Цаьршиннан цу бIаьста дейтта шераш кхаъчнера.
      Мацах шен дас Макас боьвоккхачу хенахь Салам – Хьаьжина   кхаьчнарг пхи - ялх уьстаг1ий, къанъелла говран алаший, тIекхетта йохку к1отарахь, цкъачунна аьлла йина, ц1енойн лапханашшяй бен яцара. Тахана цуьнан доьзалийн гулделла жа а, даьхний а, ц1ен гериг т1ейллина, турс тухуш дина йиъ чоь йолу ц1енош а — дерриге а цуьнан шен а, цуьнан х1усамненан  а куьйгашца дина дара. Ур-аттала Асвад боьвоккхуш, цунна а дан аьтту хилира раг1у а, цу к1ел ши ц1а а. Цунна белира шиъ етт а, говр а, баь1а уьстагIа а.
Х1инца-м Асвадан шен уьстагIий а, шен денаш санна, дебба дог1ура. Дерраш а вовшахтоьхча, уьш х1инца кхо б1е а сов бара. Оццул уьстагIий ц1ахь кхаба хала долу дела, аьхка лома хьаладохура Салам – Хьаьжин  кIенташа, 1ай Терка йисте охьалохкура.
Изза лелош, уьстагIий кхаба г1ерташ воллура Асвадан дешича Шайхмохьмад а. Вовшашца ч1ог1а гергарло а дара шичойн. Шен хенахь угаре а уллора гергара стаг Шайхмохьмад вара Салам – Хьаьжин. Ваша воцчу Шайхмохьмадна а Салам - Хьаьжа шен ваша сан¬на хетара, иза дийна волчу хенахь.
Ч1ог1а бертахь, вовшийн дукхабезаш бара шина шичин доьзалш а.
     Аьхкенан чилла яра. Малхо кхелина, сеналло хьекъийна лаьттара берриге а ламанан мохк.   
Даваде дан кхин доккха вон дацара, ша Асвада уьстаг1ашка хьажорал. Собар ца тоьара г1еметта хоьттинчу жимчу стеган шина дийнахь-буса т1ек1ел ломахь саца. Жимма а аьггу баьлча, юьрта охьахьодура
Къаьсттана цо сатосуш дерг — суьйранца синкъераме кхачар дара. Стохка а, лурчах а дуккхаза а хьодий, буьйсанна юккъехь ломара синкъераме охьакхочура.  Давад, керта юккъе лаьллина жа т1аьхьа аддам а воцуш, ж1алешца ша а дуьтий. Цу буссехь говр хохкий хьала а воьдура.
      Кхушара аьтту хиллера Давадан шеца цхьаьна 1абдурахьман накъост а нисвелла. «Хьайна уг1уш борз ма-хеззинехь, кху тоьпан лаг озаделахь», олий, к1ант охьа а хаавой, эккхий, юьрта ох1авогIура. 1абдурахьман, кхоьруш, цкъацкъа гIад а гIой, воьлхура, амма дан х1ума дацара. Ломахь ша виса кхоьрура, кхоьру ща, аьлла, Даваде хаийта а ца х1уттура.
Довхачу дийнан тов д1аядаза, йовха суьйре яра. Давад эвла чу вулучу хенахь. Дуьрста нуьйран лергах хьалайихкина, говр яжо д1а а хецна, хи улло вахара жима стаг, лийча аьлла.
 Д1о лахахь, д1адерзийначу татолна йисттехь, цхьа жима хье¬ра лаьттара. Лурчаха йиллина, керла хьера яра иза. Хьера-м шовзткъа шо хьалха а лаьттина хиллера цигахь. Х1етахьлера да вала а велл.а, цхьа татолан гу бен ца бисинера. Лурчах цигахь юха а хьера йиллира Шамсас.
Давада кхийссадала сихделлачу дагца б1аьрг беттара тахана а цу хьеране.
 Ши шо хьалха, и хьера йиллина хан яра иза. Х1инца санна, аьхкенан йовха хан.
Лома хьалаваха ваьллачу Давадна цхьа шийла мохь хезира хьерна к1елхьара хьоькхуш. Говрара охьа а иккхина, хьеранна кIел хьаьдира жима стаг. Кучан юх берано юккъе а 1аьвшина, къелхьара схьа ца ялалуш, кхераелла, мохь хьоькхура цхьана йо1а. Апарина чухула охьакхийссалун хи йоь1ан 1орачу г1ог1ех детталора. Ерриге а ч1урам санна т1ада а йина, йоьхна, ша х1ун дер ца хууш, кхераелла мохь оьхура цуьнга.
Давада, т1екхетта, буханехьа хьовзийра хино меттаха баккха гIертон хьеран бера. Йоь1ан коч юккъера схьаелира, цхьа кийсаг ят1а а еш. Делахь а, кхераелла, иза ша йолччу охьалахъелира. Де ца тоьара хьерана кклхьара, хи чуьра схьаяла.
Иза лазййна хир ю моьттуш, Давада куьйгаш т1е ийцира. Меллаша цу кIелхьара хьалаяыусхина, бай улло яьхьира. Мацца а меттаеана йо1, эхь хетта, едда хьера чу иккхира.
Йо1 х1етта пхийттара яьлла яра. Давадан вуьрх1ийтта шо да¬ра. Цуьнан дуьххьара кхеттера хийрачу йоь1ан 1орачу дег1ах куьй¬гаш. Дуьххьара хааеллера къоначу дагна ща-тайпа марзо. Сихаллех, ордах хьаьддачохь дара иза. Цхьаммо а буьллур бацара кIантана бехк» Х1етте а, тIаьхь-тIаьхьа эхь хетара ша лелийначух. Цу дийнахь йо1е кхин хеттарш дан а ца х1оьттира Давад. Иза сихха лома хьала вахара. «Ванах, ас х1йнццалц тергал а ма ца йинера и Шомсин йо1. И ма йоккха хилла. И ма хаза кхиъна! — Детаалора безамо кхорзу къона дог. — Чилла бохург ю-техь иза, я Пола бохург ю техъ?»
 Мацца а, шо даьллачул т1аьхьа бен ца дййцира Поллас цу дийнахь хьера кIел шена хилларг. «Кахьарна чу йоьхкина хьаьжк1аш чекхъъевлча, апарий д1а а таттий, бера сацабелахь, аьллера соьга Дадас, — ц1ий а луш, дуьйцура йо1а. — Суна моьттура и апари хьеранна буха а яьлла дIататта деза. Иза хиллера лакха йисте,  яьлла, гIажаца д1ататта дезащ. Суна-м    суо цу берано йийна, д1аяьккхи моьттура. Ма эхь дара ас хьекхна  мохь. Хьо эццигехь т1е ца кхаьчнехь со-м дог иккхина а лийр яра»
Давада ца 1ебаш ладуьйг1ура цуьнан дуткъачу озе. Б1аьрг ца баккхалора цуьнан хазачу, к1айчу юьхьа т1ера, экамечу пхьаьрсашна тIера.
Поллас ца дийцинера Даваде шен дагара, амма цу дййнахь дуьйнна йоIана цхьане а заманчохь дагара ца ваьллера, шена орцах хьаьдда к1ант. Доггах дезаделлера цуьнан майра, дог ,ц1ена, безамах догу хьажар, зоьртала дег1, ницкъ болу куьйгащ. Доллучу дуьненчохь а цхьа Давад бен кхи к1ант ван а воцуш, санна хе¬тара жимачу Поллийна.
Кху т1аьххьарчу шина шарахь кхин а ч1ог1а хазъелла, куьце еанера Полла. Цул шо бен жима йоцу, Чилла а яра й1астаг хилла д1ах1оьттина. Юьртахь а, махкахь а ц1е яккха йолийнера шина йоь1ан.
Давадана хаьара синкъерамашкахь а, ловзаршкахь а шега бен цхьаний к1анте Поллас сакъоьрур доций. Давад дIакхачалц кхулий хуьлура йо1. Нийсархошна а, юьртахошна а гIарадаьллера и шиъ.  Хьоьгура цаьршиннан    сил тешаме   ч1аг1беллачу безамах.
ГIеххьа хан ялийтира Давада, геннара, хи йисттера д1а хьера йолчу агIор б1аьрг а бетташ. Хьастаха ловзаргахь шега Полла цхьаъ ала гIерташ санна хийтира Давадна. Кхоьлина хийтира цунна йоIан ши бIаьрг Тахана шовданан коьртехь къаста дезаш дара йо1 ала г1иртинарг.
Ца 1ебаш, мелачу, ц1еначу хи чу кирчира Давад. К1адделла дег1 цхьа башха меттадеара. Кийра х1инццехьа буьзира  Полла ган лаьцначу 1алашоно. Ойланехь хьоьстура цо йоь1ан кIеда месаш, дерриге а цуьнан башха амат.
      Гуьйре т1екхачаре сатеснера к1анта. Гурахь гуттаренна а вовшахкхета барт бинера къоначу шимма.


**

Малх даккъашна т1ехьа баьлла, 1индаг1а х1оьттинера тогIийчохь. Шовдана  коьртехь, юьстаха лаьттачу Давадца Полла ша а йитина, шайн хих дуьзна ведарш а, к1удалш а эцна, сихха д1адахара зудабераш. ЙоI евзича санна, иза гуш шен а самукъа долчуха, корта лестабора Давадан Iаьржачу дино.
— Аьрзул, ахь ма ч1ог1а корта лестабо. Евзи хьуна иза? Ду-кха езий хьуна Полла? — вела а къежаш, хоьттура Давала шен говре. Говро юха а корта лестабора. — Бехк а дера бац, езча а. Цул хаза а, эсала а йо1 кхин мичхьа гур ю вайшина  кху дуьненчохь? Цкъа-м хьуна мукх а, хьаьжк1аш а луш, хьо кхобур ю хьуна цо. Хьоьстур а ю, хьан логах куьг а хьоькхуш. Лаьи а хьуна хьуо Поллас хьеста?
  Говро юха а корта лестабора.
—Iовдал яц. Суна а луур дара иза-м.
  ЙоI цIейелла, тIехьа йирзира. Давадна хааделираа ша забар тIехъяккхина хилар.       
— Полла, и  хьан бIаргаш кху тIахьарчу деношкахь жимма кхоьлинна долуш санна ма хетта суна. Х1умма а-м ца хилла хьуна. Хаьттира Давада…
— Цхьа зуда еънера  хьастах са нана йолчу, -мелаша жоп делира Полас.  .
— Мила зуда? Х1ун бохура цо? — т1евирзира к1ант.

- Вайн юьртаден Самадан вешийна со еха богIур болуш  нах бу боху…
    - Вай! И х1ун ду ахь дуьйцург?! — цецвелира Давад. — Хьан нанна ца хаьа вайшиммо бина барт? Хьан дега иза д1а да дуьйцуш а Iийна хир ма яц!
    - Аса-м ахь  хоьттудела, кхоьлана х1унда ю аьлла, жоп дели хьуна, — бехкала яхана, къежира йо1.
— Вайшинна чохь са а долуш, вайшинна лиънарг дохон мила ву? И тховссехь д1айог1ий   хьо соьга? — меттахавелира Давад.
— Х1ан-х1а! — кхераелира йо1, — ладугIур ду вай. Тхан да пекъар, г1еххьа дог к1еда стаг. Цуьнгара дош даккха церан аьтту балахь, хуур ду вайна. Х1инецехьа х1умма а дан а ца оьшу.
— Юьртада Самад хIун ю? Мацах тхан устаг1ий дажош лелла церан дай Суьлийчуьра мацалла ца бала охьа а баьхкина! Со-м, хьаха, вац цецвер волуш, 1едало цуьнан хаьнт1е Тапча олларх! Мацалла лийр йолуш ма яра иза а, цуьнан ваша а, 1едало хьала ца айбинехьара! Х1инца лелаш ю, боьрша йоцу х1ума, нахаца латтанаш а, даьхний а къуьйссуш. Ша гулдеш воллучул атта ма ду наха гулдинчунна т1е къерза! Къур1анор ю ас цунна оцу гай т1е топ тухур! — чуьра ваьллера Давад. Поллина евзара цуьнан аьрха, сонта амал. Наха вуьйцуш вара Давад жима волуш дуьйнна а харцахьа лелаш, леташ, чехка говр хохкуш ву бохуш. Цундела кхераелира цо юьртадена, я цуьнан вешина цхьаъ дарна.
— Вай-й, ас динарг! Х1умма а ма алалахь цаьрга, хьайн устазор! — йоьхна, дехарш дан х1оьттара Полла, — 1адда 1елахь, Делан дуьхьа! Ахь дохор ду хьуна, дерриге а.
— 1адда 1ийр ву, ахь и тодакхаш кхин хьайн багах да яхахь! Цара бахкийтахь, баккхий нах чу а ма бита алийта хьайн дега хьайн нене!
Полла йист ца хуьлуш лаьттара.
- Гуьйре яллац 1ен гIуллакх дац. Шина-кхаа к1иранах д1аян еза хьо, - меллаша элира г1еххьа меттавеанчу Давада.
 - Хьовсур ду вай. Со д1айоьду, — элира йо1а.
      -Собар дехьа жимма.
      -ХIунда?
    — Полла, со кханнехь вола?
    — ХIунда?!
- Хьо д1айига...
- Ма вола!
     - Д1ахаалахь, и «ехий, мехий» боху х1уманаш суна кхул т1аьхьа хазахь, ас буьйсанна юккъехь чу а иккхина, оцу хьайн юрг1анна юккъе а хьарчийна, д1ахьур юй хьо!
Йо1 меллаша дIолаелира, шен ц1еста к1удал белшах а тесна.
— Полла!
Йо1 сецира, схьа а ца йоьрзуш.
— Хала ма хеталахь аса иштта хьайга аларна. Со дийна а волуш хила йиш йолуш х1ума дац хьуна иза, юьртаден ваша х1унда вуьйцу ахь, х1ара дерриге а дуьне а хьо, дагайоьхна, доха кечделла делахь а!
Полла сихха д1айолаелира. Иза гIеххьа кхерайора Давадан багах суйнаш санна оьгучу дешнаша.
* * *
1аржъеллачул т1аьхьа кхечира Давад лома. Дохк йоьлла, халла бен некъ, ца къаьстара. Коьртачу декъахь говро ша вигира иза жоьлина улло.
Iабдурахьман кхоьруш, юург а ца юуш 1аш хиллера. Пешахь ц1е яцара. Юург чуьра яй а бохбаза бара.
— Вуй! Стагйоцу х1ума, кхоьруш ца хилла хьо? т1ечевхира Давад вешина. 1абдурахьман дуьхьала вист ца хуьлура.
— Карахь юьйлина топ а йолуш, кхоьруш хуьлу къонаха?— г1еххьа  к1адвелира Давад. Ойланехь, дагалаца    г1оьртира: «ва нах, оццул волчу хенахь, со кхоьрарий техьа суо цхьаъ ломахь 1ан?»
Iабдурахьманан вусавелла 1ара:
- Со-м вац кхоьруш…
Давадна хIинца дикка кьахийтира вешех.
— Шек а ма валал хьо, Iабдурахьман, вайшиммо хьо воккха ма хиллехь цхьа говр оьцур ю хьуна, 1аьржа, хьарг1а санна къегаш а йолуш. ТIаккха цхьа нускал лохур ду, шина-кхаа баттахь араваьлла. Вайшиъ, аьккхий бехачуьра дуьйнна д1аволавелла, Нохч-махках чекх а ваьлла, шотой, мартанхой, маьлхий, г1алг1ай болчухула д1аг1ур ву хьуна. Ур-атталла гуьржийчохь бехачу нохчашна юкъа а г1ур ву вайшиъ. Цу масанхьа а лехна, уггаре а хаза йо1 ялор ю-кх вайшимма хьуна!
      —Хьашт яц! — оьг1азе эккхийтира к1анта.
  —  Э-э, сан ваша,— маракъевлира   Давада   к1ант, — хьашт ю-яц-м хуур ду хьуна, кхо-диъ шо даьлча. Эх1! Маржа я1 — д1атаь1ира иза вахвелла аркъал маьнганна т1е — Вало, ц1е къагае вайшиннан пеша. Юург йохйийр ю вайшиммо.
Пешахь ловзаяьллачу ц1аро, йочано шелйинчу х1усамехь йовхо яржийра. Шаьшшиъ х1ума яа охьахаале 1абдурахьмас дийхира  веше:
Вати, хьо кхин г1ур ваций буса эвла  со суо а витвина?
— Х1ун хийла-а? — ша цецволу моттийтира Давада. — Кхоьру хьо?
1абдурахьмане ца аладелира, ша кхоьру. Иза, доккхаса а даьккхина, т1ехьа вирзира. Давадна г1айг1а хилира.
«Ванах, Полла х1инца хьалхачул а ч1ог1а ларъя езаш ма ю. Сан х1ора сарахь а юьртахь хила ма веза. Цхьа накъост лаха ве¬за ас сайна. Мехах. Ши-кхо уьстагIа лур бу аьлла».
    —Iабдурахьман, Лаха кIотарара, я Iаьндара аса мехах лаьцна цхьа накъост валийча, цуьнца кхоьрур ма вацара хьо? —хаьттира Давада.
         — Вацара, — жоп делира 1абдурахьмана.
    —Делахь х1ета, ас кхана 1уьрре араваьлла, лаха а лехна, цхьа накъост валор ву вайшинна.




      Колхозан ткъа ет д1абигнера. Эсий, 1уьйранна дакхоза диссина, 1оьхуш хьийзара шайн к1ареш чохь.
      Районера 1едал, Администрацин куьйгалхо а, милицин начальник а, прокурор а, берраш Дудаевс а, цуьнан уллорчу ц1их1урша а д1ах1иттацна бара. Цаьрга орцаш дахар эрна дуй хеара Ибрах1имна.Уьш, медххо а, юьхьадуьхьал ца бийлахь а, шайн 1аьржачу дегнашчохь кхуьнах буьйлур бара. Цундела цу дийнан делкъе хилайтира председатела ойланаш еш, ша х1у дича бакъахьа ду ца хууш.
       Делкъал т1аьхьа сихвелла балхара ц1а кхечира Расул.
     - Дада!
     - Х1у хилла?
     - Ши де хьалха п1ерасканан дийнахь рузба чекхдаьлча вайн юьртадай, Тарзанне веха лаьттира бохукха наха цхьаъ дуьйцуш.
     - Наха ца дийцича а хеа сунна – м  иза цу кхахьпайн х1уо доцуш хила йиш йоцарай, - оьг1азе жоп делира дас. Цу т1ехь цаьршинан хабар хедира. Ибрах1им балха д1авахара.

     Сарахь ц1авеъча дена шен к1ант ц1ахь ца карайра. Ц1еххьаршха вониг дагадеана, автомат схьалехчи, иза ца карайра Ибрах1имна. Хуьлуш лаьтачух кхетта, машен хьала а латайна, юьртан урамашка велира иза.

     - Стенгахь ву Мершиев? – юьртан администрацин ц1а чу велира Расул лделкъал т1аьхьа.
     - Районе вахана ву, - жоп делира секретаршас. – Х1унда оьшура хьуна иза?
     - Оьшура суна, - аравелира Расул.
     Цул т1аьхьа балха т1е а, ц1а а ца воьдуш, 1ина чу воьссира иза, райцентера схьабог1учу некъо гола туххуче.
     Геннара евзира Расулна  Мершиевна дукха хан йоццуш елла сийна машен. Шен «волга» пурах а ерзайна, некъ лецира цуьнан к1анта.
     Машен чуьра охьавосса ца х1уттуш, цу чуьра ара мохь боьттура юьртадас:
     - Хьо х1у дагшахь ву, х1е-ей накъост?
     Машен чуьра охьа а воьссина, шена т1еволавелчи вевзира цунна шен мостаг1чун к1ант.
     -Юьстаха яккха машен. Къамел ду сан хьоьга дан дезаш! – меллаша элира Расула, улло а вахана.
     - Хьо мила ву соьца къамелаш ян? Д1аяккха машен, соьга т1е а ца тохайтуш! – т1ечийхара Мершиев. Расула, машена чу кхевдина, даг1арчий схьадехира.
     - Охьа восса! Стаг вац хьо?
     Не1 схьа а йиллана, охьаиккхира юьртада. Иза г1овг1а ян воллура, т1ехбуьйлу нах орцаха хьовдийта. Иза хеъначу Расула, хечин доьхка а лаьцна, айвина, шен белшашт1е виллира хесара къонаха. Вадайна, хьуьнаюьккъе ваьхьира, цо мохь хьоьккхушехьа. Ластайна, лаьттах а тоьхна, г1одаюьккъе т1ехиира.
     - Ахь дигайтиний Тарзане колхозан бежнаш? – хоьттура к1анта Мершиевга.
     - И хьан боху? Д1ахеца со! Д1авала сунна т1ера, - мохь уьхура юьртадегахь.
     - Айхьа динчунна къаро ян стаг вац хьо? Х1унда леладо ахь тешнабехкаш? – хоьттура Расула, бухахь волчуьнан легаш а 1уьйдуш. – Хаалахь, шина дийнахь ахь бежнаш юха ца дерзохь, вайшинах цхьаъ бен вехар вац хьуна кху дуьненчохь. Ас шу варрашка сайн да хьийзавойтур вац! Сан да нехан дуьхьа г1ерта и колхоз шуьга йоха ца яйта. Кхетий хьо? Кхетий хьо, бохий ас –м! – кхи а ч1ог1а легаш 1уьйдура к1анта бухахь волчуьн.
     Мершиевн шиб1аьрг къаьрззанчахь биссанера. Иза валарна а кхеравелла, легаш д1ахийцира Расула.
     - Хьалаг1атта х1инца. Яхайта кхузара. Хаалахь, ши де хан бен яц хьуна!
     Мершиев хьала ца г1оттура, иза сеттанчахь виссанера. Куьйгашца дог д1алоьцура цо, узарш а деш. Лор кхийтира: инфаркт…
     Айвина,  волгийчу а виллина, больнице вадайра лоьро шен довхо. Цхьангге а, ур-аттал шен дега а ца дийцира Расула цу сарахь хилларг.



 
    1аьнда а вахана, шен ден Салам-Хьаьжин доттаг1чун цхьа к1ант валийра Давада. Дас могуьйтур дацара Давадна цо лелориг ше¬на хиъча. Цундела 1аьндичун к1анте д1аал1лера: «Сан да, я вок-кхаха волу ваша кхуза кхачахь, хьо тхойшиъ волчахь хьошалIахь ву хьуна, аьллахь».
Ломахь 1абдурахьмийца накъост а витина, тховса юьрта, синкъераме охьавеана Давад, ч1ог1а самукъадаьлла 1ара. Цхьанхьара-м, Атаг1ара еанчу пондарчийн карахь кехатан пондар бекна ца1аш, 1аьнна д1абоьду моьттура. Пондаран озо, жималло 1ехийна кегийнах дукха чiог1а самукъадаьлла 1ара. Раг1ун тховх кхозучу мехкадаьттан шина чиркхо серлаяьккханера хелхаран майда.
Мехкарийн мог1арехь Поллийнчул башха амат, хелхарехь товш болар долуш йо1 яцара. Цунна т1ехь уггаре а хьалха б1аьрг соцура дехьа-сехьара синкъераме кхаьчначун муьлххачун а.
Юьртара кегийнах, къайллах б1аьрг бетхахь а, даккхий синош а дохуш, Iадда 1ара Поллех дог а диллина. Ур-аттала, юьртаден ваша а кхеттера шен лаамах г1уллакх хир дацарх. Баккхийчу наха шена т1е деанарг Поллин дас Шомсас духатеттинера, шен йо1 цхьанна дош делла ю, аьлла. Нахана дика хаьара и дош Поллас Давадйа делла хилар а.
Дегнаш чуьра вас дIаяьлла, б1арг1атехь хан йоккхуш дара къона шиъ, Щомсас делла жоп шаьшшинна хезчахьанна. Тешна дара и шиъ йог1у йолчу гуьйренна шаьшшиннан ирсана дуьхьал-дала х1умма а ца хиларх,
     - Оссолом 1алайкум! — салам а делла, раг1у к1ел хедешина 1ачарда хаалха х1йттира цхьа къонахий.
— Ва1алайкум салам! — салам схьа а эцна, шаьш хевшина 1ачара хьала г1евттира буxаxь берш. Кегийнаш юьстах а бевлла, хьешашна охьовша меттиг елира. Ша хиъна 1аш волу меттиг Давада цхьанне .а ца елира. Цуьнан безам бацара хьешашна хьалхаваьлла веанчу юьртадегахь, Самадехь.
— Лакхал, хьаша, кху вайн районера баьхкинчу хьаькамашна цхьа хазо-о ладуг1у йиш! — тхьамдалла шена т1е ийцира юьрта-дас.
Пондар бийкира. Цуьнан мукъам бан а бара масаеран а дегнаш хьоьстуш, ойланаш 1ехош, кху дуьнент1ехь уггаре а хазачун къайленаш оьхьуш.
«Ойт, маржа пондар я1, ма хийла к1ант д1авели кху дуьней-чуьра 1аббалц хьан озе ладог1а аьтту ца нислуш!» — мохь тухура цхьаммо. «Мах бацг пондарча, цу хьан куьйгин» — т1етухура вукхо.
Давида а, Поллас а къайлах вовшащка б1аьрг а беттара. Ца 1ебара вовшех. Гена оьхура цаьршиннан дахаран ойланаш.
- Эйт, баркалла! Х1инца-м хелхаран бал баккха а мегар ду. Кху хьаькамийн дог1маш муха хетта хьовсур ду ваш тIараш тохалаш, кегийнах! — мохь беттара юьртадаc.
Цхьахаволу хьаькам, Гаджиев Рахьйм ц1е ерг, Самадан лере таь1ира:
— И юккъехь Iаш  йолу сийна коччий, к1айн йовлаккхйй тилина йо1 мила ю? Х1ун ю цуьнан ц1е?
— Полла ю цуьнан ц1е.   Цхьана пхьархочун йо1 ю-кха иза.
       - Иза вайн хила езаш ю-кха.
      — Муха? — воьхна висира юьртада.
— Тховса соьга сакъоьрур ду цо. Цул т1аьхьа... посмотрим! — куро-о аркъал сеттира Гаджиев.
Самад г1еххьа воьхна висира. Цо тергал вора щек а воцуш, доьхка хаьдда топ санна, аркъал а таь1на, 1аш волу Давад. Хаьа¬ра, цо ишттаниг ловр доций. Делахь а, цIеххьашха дагадеара: «Сан х1ун телха х1ара кура ши бекъа вовшийн коча яхарх? Рахьим эшна Iийр вац. Энкеведен уполномоченни вац иза? Ткъа Давад... иза бахьанехь ца яьлла сан вешера а и хиъна 1ан Пол¬ла? Шена луъург хилахьара кхунах!»
— Х1ей йо1, схьайоьлла! — юкъалеларг т1екхайкхира Самада.— Х1ун боху ахь? — уллоеана, цуьнан бете таьIира юкъа-леларг.
— Ялол, кху вайн энкеведера веанчу хьеше Рахьиме сакъера а л ал оцу д1огахь 1ачу Поллийга!
 Ой, Поллин к1ант ма ву кху чохь! И цуьнга сакъоьрущ ма ю.  Цунна йиллина хан а ма юц!
— Хьаша бехке ву доллучул а! И ца хаъал   хьо жима а яц, Яло, сихда т1е а г1ой, сакъера ала цуьнга!
Дика ду. Ас эр-м ду...
Поллина т1е яхана, цуьнан лерехь цхьаъ дийца а дийцина юхаеара юкъалеларг:
— Цо аьттехьа а ца дуьту. Ша шен т1ехьийзачу к1ентий дуьхьа еана ю боху цо синкъераме. Хьаьнга-хьаьнга а б1аьрташ бетта сак1амделла еана яц ша боху.
«Хьаьнха-хьаьнха а» — бохург лергах кхийтира лергаш дилина 1аш волчу Рахьимна. Цуьнан эчиган басахь йолу юьхь оьгIазаллийна сеттинчохь йисира.       
Поллина т1е йоьдуш а, хьещашна т1е юхайог1уш а юкъале¬ларг хааблла Давад а 1ара дег1е моха хьаьдда, хьешашка вон бIаьргаш къерзош.
— Схьаялаел и юкъалеларг! — юьртадена тIечевхира Рахьим.
Цуьнан аг1ордаьллачу хьаьрсачу мекхах хиира Самадна х1ара юхавала ца воллий.
     —Схьайоьл, х1ей! — юха а п1елг ластийра юьртадас юкъалелаче. Йо1 юха а улло еара.
— Хьажал хьайга оцу хьешо х1ун боху!
     Йо1 хьешана улло хилира.
— Полла юй оцу йоь1ан ц1е? — багара мотт тийса а луш, хаьттира Рахьима.
— Ю— аьлла, сихха щен бат д1аерзийра юкъалелачо, хьешан багара етталун къаьркъанан а, саьрамсекхан бераман а хьожа боьха хетта.
— Елахь, д1аалал оцу Поллига, цо соьга сакъийрича а, ца къийрича а тамаша бан меттиг бац! Кху йоккхачу Нохч-Г1алг1айчохь яц суна кураллаш ян йо1. Д1аалал цуьнга, хьуна мухха хетахь а, суна суо меашший, н1аьнак1орнешший йолчу буьна кхаьчна ламанан леча хета, алий!
Юкъалеларг сихха юхаеара. Цо Пойлйгара жоп деараг «Ламанан лечарчий ломахь бен ца кхуьу. Тхан зударша охьенгара базарара эцна н1аьна еъча, иза а йолало кхийкха, ша мича кхаьчна ца хууш, цецйолий» — аьлла.
Рахьимна ша к1егаш техь хиъна 1а моттаделлера. Цо х1инца ша т1екхайкхира хIетта д1аяхана, охьалахъелла юкъалеларг:
— Д1аалал оцу йо1е, ас хьо саннарш б1еаннал а сов къарйина, хьан балхе а кестта дечигах бинчу шогачу маьнганиа т1ехь соца хьажахь, ас дуьйцург дош дац, алий!
Юкъалеларг ягийча санна д1аиккхира. Цунна цкъа а ца хез-нера къонахчехь оццул эвхьаза, оьзда доцу х1ума. Иза йоьхна йисинера. Делахь а, иза вехна хилар дага а деана, «неIалт хьу¬на, боьха х1ума!» — аьлла, шен дагахь, д1аяхара.
 Мел кхайххарх ииза кхин цаьршйнна т1е ца йоьдуш, д1асецира. Мелла веанчу шина хьешо лелош долу оьзда доцу хIуманаш гуш, хала садетташ 1ара юьртара кегийнах.
 Давад-м муххале а 1ийр волуш вацара, шена т1ера бIаьрг д1а ца боккхуш, ша хьосетуш, ша 1ехош 1аш Полла ца хиллехьара. Цо хичаш    йора к1анте, цуьнан ойла шенъ т1е ерзон гIерташ»
— Хьаща ву хелха волуш! Хьаша! ТIараш тоха, к1ентий! — мохь туьйхира  юьртадас, Самада. Шина куьйга юкъахдихкина «стомма, эпсатайн доьхка а тодеш, когарчу 1аьржачу эткийн к1ажаш лаьттах детташ, поппаран ц1енкъан кховраш а лоьлхуьйтуш, хьалаиккхира Гаджиев.
    - Орс-с! Оро-с-с! Орс-с-става-ай!!!»— мохь элира цо, ши т1ам д1аса а кхуссуш. Хелхаран цхьа го а эккхийтина, вахана, Поллина улло д1ах1оьттира, цхьа ког хьалха а тес¬на. Полла хьалагIаттина, юьстах йирзира. Иза цуьнца хелха яла да¬гахь яцара. Хьаша лаьттара, хьаьрса ши мекх а дусийна. Полла а лаьттара, шек а йоцуш, шена хьалха лаьттарг б1ог1ам болуш санна.
 Давад хьалаикххира, хьешана т1екховда дагахь. Накъосташа иза д1асацийра, ший а пхьарс а лаьцна. Хила г1ертачух кхетта, ши т1ам а айбина, хелхарца юккъеелира кхин цхьа йо1.
— Йо1 йог1у хьуна! Йо1 ю хьоьца хелха йолуш! — маьхьарий туьйхира чохь болчу наха. Поллина уллора д1аваьлла, цу йо1аца хелхавала дийзира хьешан.
Кхин а ч1ог1а юьхь1аьржа х1оьттанера иза, шеца, массо наха¬ла а гуш, Полла хелха ца яьлла. Иза цунна кху т1аьхьарчу шерашкахь цкъа а дина х1ума дацара.
 Шен хелхаран бухь буг1уш лаьтташехьа, хаьнт1ара хумпIар схьаяьстина, тапча схьаяьккхира хьешо.
Чохь берш хьаьвссинчохь бисира, й х1ун дан дагахь ву ца хууш. Хьаша ша-шена когаш к1ел тапча етта волавелира. Ша йерриге а ц1енкъа цостуш, латташ д1аса а кхуьйсуш, ворхIе а патарма бассийра къонахчо. Уллохь хелхайолуш лела йо1, кхерайелла, д1аиккхина, охьахиира.
Карахь яьккхина тапча а йолуш, юха а Полина улло вахара хьаша. Чохь г1овг1анаш евлира. Лоькхучуьра пондар а, еттачуьра вота а д1асецира.
 Х1инца Давад саца ван ницкъ бацара кху чохь. ТIекхеттачу к1анта вортан т1ера кителан кач а лаьцна, шегахьа верзийра хьаша. Т1аккха, дикка ластийна лерга улло т1ара тоьхна, бахкабелла хьокха санна лаьттах варжийра.
Зударийн маьхьарий девлира, уьш цхьацца аг1ор д1асабевдира.
Лаьттах кхетта хьаша, корта тхьузбоьлла, хьалаг1атта гIора доцуш, 1уьллура.
 Ша волччохь мохь хьекхар бен, шен хьешехьа г1одаккха ца ваьхьаш, т1е ца кхевдаш 1ара юьртада а.
 Синкъерам дIабуьйхира.
 Ц1а йоьдучу Полли1га тIаьхьа кхиъна, цуьнан 1одика а йина, шен Iаьржа дин хаьхккина, лома хьала вахара Давад.


** 

    Цу буьйсанна говрахь стаг вахийтина, районера иттех стаг милцо валавайтира Самадий, Рахьимий. Iуьйранна са тоссушехь тIаьхьа а баьхкина, д1авигна, юьртасовета чувигира Давадан воккхаха волу ваша Асвад..     
- Хьайн Давад ц1е йиолчу вешо, бандита, сийсара динарг хууш вуй хьо?  — т1евирзира цунна юьртада.
Асвад цецваьллера    шен юьртахочо    Самада    лелочух. Мацца а жоп делира цо б1аьргаш а къарзина леррана шега хьуьйсуш лаьттачу 1едалан нахе:
— Ломахь ву-кх иза жаца. Бутт гергга хан а ю суна иза ганза-м.
Со мангалахь ма ву. Дийцийша, делша, стенна хоьтту аша  иза? Я иза цхьаннах тарвелла лелий техь шу?
 — Хьа-хьа-хьа! — ца вашарца велар иккхира Гаджиевгахь. Цунна ца лаьара шена лерга улло цо т1ара тохар дуьйцуш, карладаха. Цундела  элира, Асвадана т1е п1елг а хьежош:
    — Арестовать ве иза!  Ши куьг т1ехьа а дехкий, вига а вигий, тюрме чу кхосса. Нийсса кхо де даьлча а и бандит ша   т1е ца ваг1ахь,  кхуьнан доьзалш а чубохка, та1абай! Давай, д1авига, вордана т1е а кхоссий!
  Цу дийнахь лома хьалахьаьддачу дешичас Шомсас дийцира Даваде цуьнан ваша д1авигна хилар. Иза шена ма хеззинехъ, кхин цхьана а х1уманан ойла ца еш, говрана т1е кхоьссина нуьйр къевлиний, къовлазий, райцентре  д1ахьаьдира Давад.
 Ша ялийначу говрахь шен ваша ц1а вахийтахьара аьлла, дийхира к1анта, ша чу вуллуш.
 Асвад цул т1аьхьа ши-кхо де даьлча бен ара ца валийтира. Давада балийна хилла 1аьржа дин, лар йоцуш байра. Цхьана милцочо дуьйцура, иза шаьш  Соьлжа-г1алара    веанчу   эпсарна    совг1атна    белира    бохуш.




     Наб ца кхетара Ибрах1имна цхьана – шина сохьтана бен. Самаваьлча а тийжаш, метта ца ялуш, халчах1оьттина 1аш х1усамнана Лайса карайора. Дийнахь схьах1уьттучу гергарчу наха хьийзавора. Дуккха а нах: гергарнаш, вевза – везарш орцаха бевллера Ибрах1имний, Лайсайний.  Расул т1епаза вайнера.
     Нахе ша балха воьду, олай, яьссачу колхозан конторе д1авоьдура Ибрах1им ша гуттара ч1ог1а г1елвелча, жима садо1а. Ама цигахьа веха ца 1алора. Т1аккха, машен хохккай, цхьана аг1ор д1авоьдура. Дийнахь, сема йолуш, машен мел яхалуча готтачу некъашкахула хьуьна юьккъехь, хин тог1ешкахула лелара. Йилбазо вон мел дерг тюьйсура дагчу: вийна д1акхоьссанчу Расулан дакъа, ж1алеша а, къийгаша а ийзош…

     Хин тог1е йисттехь девллачу меънийн 1индаг1ехь, кхушара ахаза йиссанчу арена уллохь байт1е охьалахвелла 1ара Ибрах1им. Цхьа а вацара уллохь а, б1аьрго ма лоццу схьагучу 1аламехь а. Ша цхьаъ вара иза.
     «Ваннах, х1ара дутехь ас х1инццалц кху шовзткъай ит шарахь лелайначун жам1? Ас нахана сайха цхьа пайда хилайта г1ерташ, кху ткъей ит шарахь мел хьегначу къах х1ара хили? Шайн аьттонан бен бала а боцуш, катухуш, идош, йоккхуш хилларш соьх ма кхаьрдаш хир бу тахана. Ма доьлуш хир ду церан дегнаш.  Царна г1оле девзаш хиллатехь х1ара дуьне, х1ара дахар, х1ара адам? Х1ан – х1а, иштта хир дац иза. Цара мича хьуьйр ду шаьш лечкъош, 1ехош, харц даьккхинарг? Со царех тахана а ца хьоьгу. Бакъдуьненчохь къастам хир бу массо х1уманан а, массо стеган а. Иштта ца хила йиш яц. Ас сатухур ду.Сатоьхначехьа ву ша аьлла Аллах1 Дала.
     Со дохко ца ваьлла айса лелайначунна. Ас цхьа а 1ехош а ца лелайна, цхьаний хьакъ а ца деъна. Со ц1ена ву Далла хьалха д1ах1отта. Из аду угаре а коьртаниг. Далла лаахь Расул а карор ву, кхудуьненчохь ца каравахь – бакъдуьненчохь.»
     Цхьана х1уманан а ойла йира Ибрах1има: «Ванах, ма ца моьттура сунна ишттаниг 1оттаделча сайга сатохалур ду. Ницкъ луш хиллакха дала. Ишттаниг лалур дацара,сан сайн бехках нисделлехь. Х1инца сунна хеа – сан бехк бац. Со сайн дуьхьа ца г1иртина колхоз к1елхьара якккха, юьртарчу нехан дуьхьа г1иртина. Иза Далла гуш ду. Сан бехк хир бара, со кхиберш санна тухулучах ка а тоьхна, колхоз йоха а яйтна, ведда хиллехь…»
     Корта голашт1е охьаоллабелира.
     Цхьа безамехь, эсала шиб1аьрг а болуш, к1ай духар а, еха к1ай маж а цолуш, воккхастаг х1оьттира дуьхьал. Виста ца хуьлуш, леррана б1аьра хьоьжура иза Ибрах1имна.
     - Хьаьжа, хьуна а дакъа кхечи кху балеха? – хьалаиккхина, дуьхьл ведда, Кунта–Хьажина мара кхийтира Ибрах1им. Устаза шен мурд маракъуьйлура. Ибрах1иман б1аьргех 1овраш санна хиш хьаьвдира:
     - Суна хеара, Хьаьжа, хьо кхочур вуй. Тхан дедас,  Салам-Хьаьжас, хьан дукхавезачу мурда олуш ма хилла, хьо эшначахь орцах кхочу,Э ахь адамийн синош парг1атдоху.  Суна а великха хьо х1инца орцаха!
     - Дала шех тешаш, дуьненан болх шех тешайна буьтучанна  лалун боцу бала лур бац, Ибрах1им. И луш болу бала а стаг кху дьненан боьхаллех ц1анвеш лур бу. Хьуна ницкъ белла Дала. Дала собар алсамдоккхийла хьан а, хьан х1усамненан Лайсин а. Иза цхьане доьхур дукха вайшимма цу Аллах1 Деле.
     Ибрах1има Кунта – Хьаьжа марара д1а ца хоьцура. Цуьнан белшаш егайора, эвлияие болчу безамна велхар ца сацалуш.   
     - Сан цхьа х1ума ду хьоьга ала дезаш, - меллаша элира устаза. Ибрах1има, ладог1а кечвелла, иза мара къевлинчара д1ахицира.
     - Ас суо махкаха волуш цхьа весет дитинера. Цхьана дашца ала мегар долу весет. И дош – собар, - эсала, вела а къежаш, элира эвлияа.  Иштта весет ма дитана шуна Салам-Хьаьжас а.
     Инзаре генара схьа цхьа ницкъ бу вайн къомана дуьхьалбаьлла. Цу ницкъан ц1е – Йилбаз ю.  Иза вай дайа, кхачо г1ерташ ницкъ бу. Цу ницкъо туьйсуш ду вай а, керстанаш а вовшийн коча. Бусалбанаш а, керстанаш а, новкъа бу Йилбазна. Кху доллучу а дуьненан ша цхьаъ да хила г1ерта иза, кхидолчу къаьмнех шен лайш а бина.
     - Вай собар дича, сатоьхча дерриге а д1анислур дуй, ва устаз? – хаьттира Ибрах1има.
     - Вай мел боккху а, боккхур болу а ког лерина Йилбазо. Массо а вай боккху болчу когана дуьхьал хьарам ахча даьккхина цо. Вай Йилбазал ахчанца тоьлар дац.
      Йилбазан са кхачош дерг – вайн собар, вайн оьздангалла, вайн г1иллакхаш, вайн дин. Вай вешан доьзалшна цу  Делера йолчу хазаллин мах бовзийтича цу хазаллеш т1ера кегийнаш ца бахало Йилбазе, мел дукха ахчанаш цо дайичи а. Вай собаре хилахь Йилбазан кхане яц. Вай сихлахь Йилбаза вай вовшен коча а дахайтина, кхачор ду.
     - Нохчийчоь ма карзахъяьлла тахана, иза а Йилбазан болх буй, устаз? – хаьттира Ибрах1има.
     - Иза а, кхул т1аьхьа дан дагалецнарш а – берриге а Йилбазан болх бу, - шеко йоццуш элира Кунта – Хьаьжас. – Вайн совца собар ца кхачахь, дайинай, даржийнай кхачор ду вай цо. Вайн собар тоахь – собарца кхетам, хьекъал, г1иллакх, ницкъ, хазалла, ша дерриге а ду. Собар ца тоьънарг Йилбазан гуро лоцу. Ма дукха дийцинера вай иза тохара а…

 

 
     Ибрах1им самаиккхира. Цунна сихха дагадехкира мацах шен дас 1абдурахьмана дийцина хилларш. Цо дуьйцура: « Кунта – Хьаьжас а, Салам-Хьаьжас а дитина весеташ кхочуш ца дича йиш яц. К1оргера хилла церан хьехамаш. 1едална хьесталуш, хьаькамийн дикане сатуьйсуш лелаш ца хилла уьш.   Боккъала а Делан лаамца лелаш устазаш  хилла.
Ибрах1имна кхи а дукха хезнера Кунта – Хьаьжех, Салам-Хьаьжех, церан хьехамех лаьцна мовлидашкахь баккхайчара, масала, моллас дуьйцурш:
- Шема махка ваханчахь, вай дайн  дисина тептар гайтина хилла цунна цхьана къадарин т1ерехьатан шайха. И ч1ог1а деза, ч1ог1а лоруш жайна ду, бохуш, дийцина цуьнга. Нохчийн дай бу аьлла цо цу т1ехь буьйцуш.
 Шемехь бехаш хилла мацах нохчийн шира дай Ибрах1им пайхамаран заманчохь а, цул хьалха а. Цара дитанчу коьртачу весетах цхьаъ – Йилбазах ларвалар. Йилбазана хеа, аьлла ду боху тептар т1ехь, шен букъ кагбийр берш нохчий бен ца хилар. Цундела нохчий гуттара а девне бохуш, т1емаш бойтуш, кхачон г1ерта иза.
- Нохчий х1у новкъа бу Йилбазна? – хаьттира цхьаммо.
- Силсил олуш хезний хьуна?
- Пайхамарин а, шайхин а схьайог1уш з1е юй иза?
- И пайхамарийн силсил эзаршерийн к1оргера дуьйнна схьаяхьаш берш нохчий бу, аьлла дийцина – кх вайн устазе Шемахь. И мацца  даьлла а, гучудер долуш ду а аьлла, иза гучу даьллачул т1аьхьа нохчех доллучу а дуьненна а пайда бер бу а аьлла. Цундела нохчий вуно ч1ог1а ларбала безаш бу Йилбазах. Къаьсттана – ша динехь суьпадаьлла моттийта г1ертачу Йилбазах а, нохчий майра бу, бохуш, уьш т1емашна юьккъе ийзочух а.
- Осто – о - пирлах1, осто-о-о-опирлах1, - кортош лестадора чохь болчара. Моллас – м кхид1а а дуьйцура:
- Йилбазах ларвала веза. Цо мел хаза дийцарх, 1еха а делла, кара герз эца ца деза. Цхьана заманчохь Йилбаз бусалбанан динан да ду ша, аьлла а дог1ур ду аьлла ду боху тептар т1ехь. И Йилбаз угаре а кхерамениг ду, аьлла ду боху. Хиндерг Далла бен хуур дац. Коьртаниг — вай Делах тешар а Дала шен умматна диканиг бен дийр цахилар а ду. – Жима 1ийна, т1етуьйхира: - Йилбаз гуттара а хир ду адамашна юьккъехь, къематан де т1екхаччалц. Х1унда аьлча, Йилбаз ца хилча адам парг1атдер ду. Парг1атдаьлча г1еллур ду. Г1елделча, х1аллакхилла, кхачор ду.
 Йилбаз ца хилча а йиш яц. Йилбазе ваьш 1ехадайта а йиш яц. Иштта ю кху дуьненан Дала елла амал. Х1уманах кхера ца веза, х1ума хаа деза. Кхераделча а, кхета ца кхетча а дакъаза долу адам а, къам а.
Цхьана хенахь,  воккхахилла, ткъей ит шарал т1ехъиккхина вог1уш, Ибрах1имна г1ан гинера. Зюкар дара юьртахь. Инзаре йоккха зуькаран ч1уг. Ерриге а ойланаш Деле йирзина, шовкъ еана, совцар доцуш уьдура адам йист йоцчу ч1агарехь. Синош, айделла, т1ома а девлла, Далла улло, сийначу стигала хьаладирзина гора.
    Ц1еххьаршха б1аьрг кхетта, воьхна виссира Ибрах1им: зуькаран ч1агарна юьккъехь массерал а х1атъаьлла хьийзара … Йилбаз!
     Цецваьлла, воьхна, шийлачу хьацарша а вуьзна самаиккхира Ибрах1им: «Ванах, х1ара ду-кх тхан моллас дуккхаза а дийцинарг… ма ларвала везаш зама, ма чолхе дуьне ду-кх х1ара, къаьсттана кху дахаран амалех дика кхеташ воцчунна…» 

     Кунта – Хьаьжа шена дуьхьал х1оьттина г1ан ма гиннехь дагчу дижира Ибрах1имна, шен  Расул  ц1авоьрзур хилар. Дика ойла екхаелла, ц1а вахара иза цу сарахь. Юьртахь доккха саг1а даьккхира цо шозлаг1чу дийнахь.

Вон хьожа йог1у, т1уьна чоь яра Давад чукхоьссинарг. Попа дечиган стомма ши у тоьхна цхьа лоха маьнга боцург х1умма а дацара чохь. Лакхахь, тхов уллохь цхьа коран 1уьрг дара. Иза а арахьа, уьйт1е йолчу аг1ор  учехьа даьккхйна дара. Цунна чекхъериг бен кхин серлонан билгало а яцара.

 Юкъа меттехь бохург санна ц1енкъара тхов т1е хьалакхаччалц боьг1на стомма ши б1ог1ам бара. Давадна цу б1ог1амех хьекхаделла а, маьнгайна дехкинчу аннаш т1ехь а детта ц1ийш хааделира.
         Шоллаг1а буьйса а яра цхьа да гучу ца волуш, цхьа а тайпа юург а, ур-аттала мала хи   а ц а луш, цара Давад   латтош волу.
         Цу сарахь Давад мохь бетта волавелира, ша хьогалла вен дагахь-м дац шу, стенна  латтаво аш ша, цхьа  а   да а гучу а ца волуш, бохуш?
Буьйсана юккъехь самаьккхира Давад.
      Карахь латина ч1урам а болуш, чувеанчу кхаа стага иза т1екхетта, схьалаьцна, шина б1ог1амна улло вигира. Цхьацца доьхкуш, ши куьг а, ши ког а б1ог1амех д1адихкира.
      Бага та1ийна цхьа хотташий, ц1еший юьзна горгам йоьллира, мохь ца хьекхийта. Иштта иза а витйна, арабевлира. Йоккха хан ялале чоьхьавелира цхьа къонаха. Ч1ураман г1ийлачу серлонехь д1авихкинчу Давадна вевзира Рахьим. Цуьнан карахь къаьстара говрана туху  шад санна цхьа х1ума.
— Ас хьайн боьхачу муц1арх а диттина сайн куьйгаш бехдийр ду аьлла дагадеанерий хьуна? — оьг1азе, гамонца къежира Рахьим. —  Вон леллачу вирана хьаьвдех д1а а тосий, шед етташ гиний хьуна? Изза дан воллу-кха х1инца со хьуна а. Боьхачу виран деччул пусар дан воллу-кх со  хьан!
Кху т1аьххьарчу шина дийнахь бен цхьана а дас п1елг хьакхийна а, дош кагдина а воцу Давад, дан х1ума доцуш ша вихкинчу шина б1ог1амна юккъехь ветталора. Бодашлахь къегара цуьнан къаьрзина ши б1аьрг. И ши б1аьрг д1абайа санна, доггах ластийна, шед туьйхира Рахьима Давадан коьртах. Шедан дуьйцина, стомма бахтар коьртана го а боккхуш, лерг а хадош, йоллучу юьхьаца д1акхерстира. Давад и бахтар шен коьртан чкъурана чу доьссича санна лазийна, 1овжийна, ц1евзира. Мерах а хедийначу беснеш т1ехула а ц1еш гучудевлира. Лазийна холча х1оьттинчу Давада шен корта некха т1е охьаоллийра.
   Юха а шен г1ора мадду лестош, шед етта х1оьттира Гаджиев. Х1инца и шед дукхахьолахь букъа т1е етталора.
  Цхьана хенахь шед йиттина, куьг х1оьттира Рахьиман. Месаш лаьцна, корта хьала а та1ийра, вихкина лаьттарг кхетамчохь ву я вац хьаьжира НКВДан эпсар.   Кхетамчохь волуш санна хийтира. Юха а  етта  волавелира.   
        Корта тентаг баьлла, кхетамчуьра а ваьлла, дихкинчу куьйгашна т1е охьакхозавелира Давад.
— Нагахь сахуьлунга ца валахь, дакъа кир чохь болчу ор чу кхоссе, дагаделаш. Хатта баьхкинчаьрга ведда эр ду вай, — хехь волчу милцочун лере таь1ира Рахьим.
— Дика ду. Кхийти со, — жоп делира вукхо. Цул т1аьхьа, чу вахана, куьйгаш д1а а даьстина, кхетамчохь воцу Давад ц1енкъа охьавожийра.
«Нагахь веллехь, х1инццехь, са хуьлу серло яржале ор чу кхоссар тоьла суна иза. Совнаха тешаш а хьашт бац», — ойла йира милцочо.
Не1 д1а а яьстина, чу вахана, меттахахьавира Давад. Цунна чохь халла бен са ца хаалора. Корта берриге а ц1еша буьзнера. Ц1енкъахь а яра д1аихначу ц1ийн динна цхьа айма.
     «Сахуьлунга вер вацара х1ара-м витича а», — аьлла шен дагахь, ши пхьарс  лаьцна, аратакхийра милцочо Давад.
Шийлачу х1аваэхула ша уьйт1ахула такхийна хьош кхетамчу веара Давад. Цунна ша д1атекхош верг Рахьим ву моьттира. Цунах доггах тасавала дагахь, шен дег1е жимма г1ора даллай аьлла, ша кхетамчу веаний ца хаийтира цо.
Ваьхьна, цхьана аннех дина нег1ар долчу урана улло охьа а тесна, шен кисана куьйгаш хьекха вуьйлира милцо. «Х1ай, хьо ма хила г1оза!» — эккхийтира цо. Гарехь, ор схьадостуш долу дог1а чохь дисинера цуьнан. Озах хиира Давадна иза Рахьим воций. Милцо дог1а схьада чу воьддашехь, хьалаайвелла, Давада бодашлахь д1авайра.

К1ира гергга хан яьккхира Давада шайн хьеший 1аьндий болчу вахана. Моьттура, ша массанхьа а лоьхуш хир ву. Амма ч1ог1а цецвелира иза ша веддачу шоллаг1чу дийнахь милицин белхахой юьртасовете а баьхкина хаттаррий бен, кхин ша цхьаммо а ца лехна аьлла хезча. Гарехь, шаьш къайлаяьккхина говр а хир яра церан дагахь. Амма цунна шера хаьара аьтту баьллачу дийнахь Рахьима ша юха а д1алоцуьйтур вуй а, воьйтур вуй а. Х1унда аьлча, Гаджиевна хаа декхар дара ша оццул къиза еттар Давада шена дуьтур доций.
       Я Рахьим, я Давад, царшиннах цхьаъ бен ваха йиш яцара кху дуьненчохь.
   
      Август бутт чекхболуш ломахь йол хьокху хан а т1екхечира. Т1аккха берриге а доьзалш а, гIуллакх далла верг, хьалавелира.
     Давад а вол-волуш майравелира. Ломахь хьовха, наггахь, юьрта юькъехь а нахана гучу волура иза. Башха иза лаца доггах т1аьхьабевлла нах а бацара.
Юьхьа т1ера шед еттаеллачуьра дисина моьнаш ца гайта маж йитинера Давада. Товра жимачу, зоьрталчу к1антехь 1аьржа, луьста маж. «Стенна йитина ахь маж? Лура-м ца воьлла хьо? Мила вийна ахь цу милицехь болчарех? Я айхьа Рахьимна т1ара тоьхна дохковаьлла, доркъана воьжна хьо?» — забарш йора кегийчу наха.
«Лура-м ца воьлла, вола дагахь-м ву», — забарна санна жоп лора к1анта.

Цу сарахь Давада Полла лулахошка кхайкхийтинера. Йоъ1ан баккхайчу бIаьргех хиш оьгура. Ч1ог1а сагатдинчух тера дара цо кIантана.
— Цара схьа муха ваийти хьо? Юха д1а-м лоцур вац хьо ца¬ра — сингаттам хьоьхура безамах догучу, семачу даго.
        - Лоцур хир вацара цара со юха-м. Суна т1аьхьа бевлла ца лелча а, шортта ма бу царна кху лаьмнашкахь цара акхабаьхна лелош декъаза нах, обаргаш бу бохуш.
— Хьо а царех дIакхета дагахь-м вац? —  шеконца хаьттира йо1а.
— Хьанах?
— Обаргех.
—  Вац, цара витахь-м. Ца витахь- м, цхьаъ ца лелийча вер хир вац со а.
   Шена Рахьима еттар а, ша иза вен лаьцна Iалашо а цхьаний дега ца йийцинера к1анта. Поллига а ца юьйцура. Амма йоь1ан даго хьоьхура Давад хийцавелла хилар. Хийцаделлера б1аьргаш, самукъане забарш яр, шекар санна йолу шен к1айн цергаш гучу а йохуш, доггаха велар.
— Полла, юьртахь мел верг а, тхайниш а берриге а лома хьала ма бевлла. Вайшиъ а х1унда ца доьду царна тIаьххье? — хаьттира к1анта.
— Муха? — ца кхийтира йо1. Поллин дас, Шомсас, йол ца йоккхура ломахь, ша хьера йилличхьана. Ет - эса кхаба даккъашкахь мангал биттинарг а тоьара. Г1еххьа, шо-шаренга довллал рицкъа хьерано а лора.
      — Гуьйре а ма яцара х1инца гена а. Юьртахь вахар-м, гарехь, хир дац сан. Лома хьалаг1о вайшиъ ший а, 1аьно а охьа а ца дан. Цигара ц1а а тодийр дара вайшиммо, поппарш лелон аьхке д1а а яьлла, дуьне шелдалале.
   Давада дуьйцург к1орггера ойла а йина, г1айг1анца дуьйцуш дуй хиира йо1ана. Х1инца ша сих а ца луш, дикка ойла а йина жоп ца делча ца долуш санна хийтира.
— Наха бехк-м буьллур бац вайшинна? Аьхкенан сихаллех деш ма ца хуьлура ишттаниг.
— Наха а шайн аьтту берриг ма до. Суна - м вайшйннан аьтту иштта ма хета!
— Кхана-лама, хьо вухавеъанчуха дала магий ас жоп? — жимма ойла йина-а хаьттира Поллас.
— Ца мега! — оьг1азвоьдуш лаьттара к1ант. — Хьо ненах,  йишех, гергарчарах дагаяла йоллу. Ткъа цара хьоьга эр ду, эхь ду наха дийрриг ца дича, шина баттахь сатохарх х1умма а хир дац...
Жимма хан елира и шиъ кхин вовшашка дист ца хуьлуш. Дог кхехкара Давадан. Цо ойла йира: лахь, жоп лур ду кхо, ца лахь ас х1инцца, кху чуьра ара йоллушехь катоьхна схьа а лаьцна, айса ялийначу аьрхачу расхачу бекъанна т1е а йиллина, галлий санна, лам чу хьала ядор ю! Цулла а, тоьлара кхунна шен т1олгех шад а бина, ара а яьлла, к1едачу ворданна т1ехь соьга ша лома хьалайигайтича!
      Поллин шера лергауллош, б1аьргаш,    балдаш,   юткъа г1одаюкъ, массо а тайпа амат хъегамца хьоьстура жимачу стеган догучу бIаьргаша. Ша аьлларг к1оршаме хетта, эсала дийхира Давада:
Полла, ма хала ло-кх ахь суна и дош! Сан кийрахь долчун нийса б1оалг1а дакъа а хьан кийрахь делахьара, ма бийр бацара ахь вайшинна х1ара ницкъ.
      Со кхана сарахь, бода боьлча ворда а йоьжна, шовдийна т1е боьду некъ боллучу, баса йисте вог1ур ву хьуна. Араяллахь, хьем ца беш, нехан коьрте шеко яле. Нахана а, хьан цIерачарна а тосалахь, совнаха г1овг1анаш хир ю хьуна. Цхьаний а дега ба¬гах ма даккхалахь! Йист х1унда ца хуьлу хьо? Реза яц хьо?!
— Реза ю, — доцца, меллаша элира йо1а. Цо иштта жоп лур дуй хьалххе, тховса кху чу а вале хьоьхура кIентан даго, Амма х1инца, и жоп хезна даьлча, дог карзахдаьлла, кийрара схьаэккха Iертара. «Ванах, ма еха ю-кха тховсалера буьйса а, кханалера де а!» — воьхна висинера к1ант.
— Баркалла хьуна! Дела реза хуьлда хьуна! Ас цкъа а, дуьне мел лаьтта дойур дац хьан сий! Дицдийр дац ахь тховса сайн дагна делла жоп!
          Юьрта йисттехь ворда сацийна, цхьа ханна жимо-о, дешна стаг араваьккхира Давада:
— Ахь бехк ма биллалахь, иштта эвхьаза со хьайна т1е варах. Х1ара г1уллакх паргатехь, эхь-бехкаца лелорах г1уллакх хуьлуш дац сан. ДIога ворданна чохь хиъна 1аш ю Шомсийн йо1 Полла. Тховса соьга маре йог1уш а юиза. Мах бийр бацара ахь тхойшиннан?
— Иштта г1уллакх 1оттаделча, нагахь ламаз оьцуш цхьа ког билиний, важа билазий белахь а, дерриге а дита а дитий, сихо е аьлла ду, — меттахвелира, цхьа дика, молла. Ах сахьт юккъе до-лале, цо Давадаххий, Поллеххий зудий, майрий дира. 
Дуьне серладаьккхина, къегана кхеттачу доккхачу беттасенна т1екхача гIерташ санна, лома хьалаг1ертара къона шиъ тIехь до¬лу ворда. ТIехула пхьарс тесна, шена улло охьахаийнера Давада Полла. Ший а безамо дахийнера. И шиъ, дуьне а дицделла, вовшен маара хьерчара.
Хьагъелла делахь а, я ворданна т1ехь дог1учу шинна сиха цахилар хааделла делахь а, говр ворда а такхийна, хина йиллина йоккха ной йолчу шерачу боламна т1е яхара. Къоначу шинан кхин безамца садетта де ца хилира.
Говр ежаш лелара лекхачу бацалахь. Ворданна чу яржийначу ала т1ехь аркъал д1а а дижина, вовшех а хьаьрчина, стигаларчу сирлачу седарчашка, къегина кхеттачу батте д1а б1аьрг а бетташ, вовшакка дист а ца хуьлуш, 1ара инзаречу, дукха хьегначу безамо дахийна Даваддий, Поллий. Цаьршинна кхин  х1умма а ца оьшура, иштта парг1ат д1а б1аьргбетта х1ара доккха дуьней, вовшех ца къастаррий бен. Амма   хаьара,   вовшех к1аьстинчу дийнахь дайна, доьхна дуй дерриге а стигалан жовх1арех кхелина дарий, токхе латта, хьаннаш, 1аннаш, дерриге а дуьне!
Цаьршинна ца хаалора д1айоьду хан. Дагара бевлера лахахь бисна юртахой, лакхахь болу ламарой. Дерриге а дицдинера кху дуьненчохь угаре а мерза Дала еллачу марзоно – безамо. И буьйса, и дуьне, дерриге а цаьршинан дуьхьа, цаьршинан долахь дара тховса. 


— Нускал а далош веана вайн к1ант х1инцца, сахуьллуш, — шега шен х1усамнанас  аьлча, цецваьлла висинера Асвад:
    — Х1ун нускал? Мила кIант?
   — Вайниг. Давад. Шомсийн йо1 ялийна  боху.   Хьан дешича Шайхмохьмад волчу жоьли чу а йигна, йоссийна боху!
— Жоьлий чу? Кхузаххьий? Ломаххьий? И х1ун ду ахь дуьйцург? – цецваьлла ца волура ваша.
— Ара а валий, наха дуьйцучуьнга ладог1ахьа, суна веза а ца веш. Ас сайна хIинцца, яй олла яхча, хезнарг дуьйцу-кх хьоьга!
 Асвада сихха ойла йира шена хезначун. Тийшира иза зудчо ма дийццара хир а ду, аьлла.
Шен карара суьлхьанаш ло¬гах а хьекхош, лерга т1ехьа коьртах м1араш хьекха волавелира. «Хьажахьа, шайт1а! Цо дина а хир ду хьуна ишттанаш. Бакъ а-м дина, динехь! Хьешан лергаюх а бакъ йохйинера, х1ара иштта д1адерзахь мухе а.  Дерзахь а, ца дерзахь а, йо1 схьа а бакъ ялийна
Ванах, цуьнан деца, Шомсийца дерг а ма ду х1инца дIадерзо дезаш! Хаийта а, там алийта а нах бахийта беза. Юьрта суо а охьа ца водахь, дош хир дац, хIара д1адерззалц».
 
Давад нускал а далош лома хьалавеана аьлла мел хезнарг велалой, г1адвоьдура. Ч1ог1а самукъадаьллера ломахь мел волчуьн а. Баккхийбера юьртахой, жима а, воккха а къоначу шиннан ирсах.
«Юьрта охьа а дахана лела йиш яц вайн.  Вай  х1оккхузахь, ломахь ловзар х1оттор ду!» — меттахбевлира кегийнаш. Давад а царна тIетайра.
     КхоалгIачу дийнахь акха ирахъихначу лаьмнащна щайна цкъа а цагинарг гира. Иттех яй оьллира. Дагардан а ца ларош, дойуш дара уьстаг1ий. Шайн белхалойн духарш а т1ехь, жима а, воккха а, ша массо а ломахь мел волу стаг схьавеара ловзарга.
     И тайпа доккха ловзар, хетарехь, юьртахь а ца х1оттийнера. Ехха лаьттачу йоькхано белхаш дикка аттачу баьхначу нехан яххьаш самукъане яра.
     Элаца дерг д1а ца дирзинера аьлла, цхьа а да а ца виссинера Давадан а, Поллин а боле ца вог1уш. Ломахь лов¬зар ду деш аьлла хезна, масех юьртара а, ломахь йолчу к1отарашкара а кегийнах а баьхкинера говраш хахка. Хьалхаваьллачунна совг1атна сту биллинера Давадан дешичас Шайхмохьмада.
      Ловзаргахь нах духарца кечбелла  хиллехь-м иштта самукъа а дер дацара церан вовшех.
      Цхьана хенахь, мичара вели ца хууш, ловзаран го юккъе иккхира цхьа букарвоьлла воккха стаггий, лекха, астаг1а, охьаозинна тилина корталий а долуш, зудий. Нах бийлош, ша-тайпа долура и шиъ хелха. Хелхар чекхдаьлча бен ца довзийтира цаьршиммо шаьшшиъ нахана. Тиша чоа а дуьйхина, божаршха хелхаюьйлург хиллера самукъане жеро Небисат. Зударшха вуьйлург — зуькарш дечу нехан туркх волу Къаимсолта!
     Къеначуьнга а, къоначуьнга а, ша массаьрга а хелхар доьссинера цу дийнахь.
     Ловзар к1орда ца деш, бода боллалц сакъийрира наха ломахь. Ур-аттала, багахь цхьа а церг а йоцуш, б1е шо кхачча доллуш йолчу йоккхачу стага Шумайсата а дуьйцура, халла бек ца къаьсташ: «Суо Дяля дуьньянчу кхоьлляча хьяння тяхяня сяння йийляня яьц-кха со!»
     Говраш хаьхкинчохь дин хьалха а баьлла, совг1атна биллина хилла к1айн сту хьалха а баьккхина, шок а етташ, самукъадаьлла, д1авахара цхьа ригахойн к1ант а.
     Ловзарга б1аьрг биттира луларчу кIотарахь б1овна буьххьерчу гIатта т1ехь 1ачу Давада а, цуьнан накъосташа а.
     Нехан самукъадаларх йоккхаеш, хазахеташ лаьттара готтачу ц1а чохь кирхьанна т1ехьа хаза кечъеала, к1айн г1абали юьйхина Полла а.
    Тамашена де дара иза ломахь.
     Иштта нах белабелла, бекхабелла, самукъадаьлла дага ца дог1ура угаре а къеначунна а.
     Цул т1ехьа а ца деара иштта самукъане де ломахь цкъа а.

 

      Юьртан пхьоьханахь самукъане г1овг1анаш евлира. Ломара элаш д1а а ерзийна, даккъашкарчу ирзешкахь йийна хьаьжк1аш чуерзо хан тIекхаччалц адам гIеххьа парг1атдаьлла денош дара уьш. Стоьмаш, хасстоьмаш, дерриге а 1аламан рицкъа кхиъна даьлла, токхе денош.
      Кегийчу наха пхьоьханахь хьийзош верг шайн юьртахо Чхьочу вара. Цхьамма-м цуьнга, хьуна вайн юртадас Самада «биднак» аьлла ц1е тиллина, аьллера. (Биднак – «бедняк» бохург)  Ша иза Самадана дуьтур дац, бохуш, кхерамаш туьйсура коьртаца башха дика а воцчу Чхьочус.
— Со вац биднак! Кхуьнан варх1е а да а хилла бнднак! Мезаша юьзна соьле, суна ала х1ун дара кхуьнан? Делор ду ас цунна Шелахойн арахь тас детта моттуьйтур!
— Д1авалахьа д1а, Чхьочу, хьо воцург а хийла стаг а ву цо-м  биднак ву бохуш
дIаязвина!
         — Делор язвийр вац хьуна цо со-м! Язвинехь а, д1а а войур ма ву! Ненах сте йойла, войур-м вацахь! — иккхийа ваьлла, юьртасовета чу тилира Чхьочу.
  «Биднак» бохург ч1ог1а эхье, дастам хетара ламарошна.



     Ибрах1им самаиккхира. Цунна сихха дагадехкира мацах шен дас 1абдурахьмана дийцина хилларш. Цо дуьйцура: « Кунта – Хьаьжас а, Салам-Хьаьжас а дитина весеташ кхочуш ца дича йиш яц. К1оргера хилла церан хьехамаш. 1едална хьесталуш, хьаькамийн дикане сатуьйсуш лелаш ца хилла уьш.   Боккъала а Делан лаамца лелаш устазаш  хилла.
Ибрах1имна кхи а дукха хезнера Кунта – Хьаьжех, Салам-Хьаьжех, церан хьехамех лаьцна мовлидашкахь баккхайчара, масала, моллас дуьйцурш:
- Шема махка ваханчахь, вай дайн  дисина тептар гайтина хилла цунна цхьана къадарин т1ерехьатан шайха. И ч1ог1а деза, ч1ог1а лоруш жайна ду, бохуш, дийцина цуьнга. Нохчийн дай бу аьлла цо цу т1ехь буьйцуш.
 Шемехь бехаш хилла мацах нохчийн шира дай Ибрах1им пайхамаран заманчохь а, цул хьалха а. Цара дитанчу коьртачу весетах цхьаъ – Йилбазах ларвалар. Йилбазана хеа, аьлла ду боху тептар т1ехь, шен букъ кагбийр берш нохчий бен ца хилар. Цундела нохчий гуттара а девне бохуш, т1емаш бойтуш, кхачон г1ерта иза.
- Нохчий х1у новкъа бу Йилбазна? – хаьттира цхьаммо.
- Силсил олуш хезний хьуна?
- Пайхамарин а, шайхин а схьайог1уш з1е юй иза?
- И пайхамарийн силсил эзаршерийн к1оргера дуьйнна схьаяхьаш берш нохчий бу, аьлла дийцина – кх вайн устазе Шемахь. И мацца  даьлла а, гучудер долуш ду а аьлла, иза гучу даьллачул т1аьхьа нохчех доллучу а дуьненна а пайда бер бу а аьлла. Цундела нохчий вуно ч1ог1а ларбала безаш бу Йилбазах. Къаьсттана – ша динехь суьпадаьлла моттийта г1ертачу Йилбазах а, нохчий майра бу, бохуш, уьш т1емашна юьккъе ийзочух а.
- Осто – о - пирлах1, осто-о-о-опирлах1, - кортош лестадора чохь болчара. Моллас – м кхид1а а дуьйцура:
- Йилбазах ларвала веза. Цо мел хаза дийцарх, 1еха а делла, кара герз эца ца деза. Цхьана заманчохь Йилбаз бусалбанан динан да ду ша, аьлла а дог1ур ду аьлла ду боху тептар т1ехь. И Йилбаз угаре а кхерамениг ду, аьлла ду боху. Хиндерг Далла бен хуур дац. Коьртаниг — вай Делах тешар а Дала шен умматна диканиг бен дийр цахилар а ду. – Жима 1ийна, т1етуьйхира: - Йилбаз гуттара а хир ду адамашна юьккъехь, къематан де т1екхаччалц. Х1унда аьлча, Йилбаз ца хилча адам парг1атдер ду. Парг1атдаьлча г1еллур ду. Г1елделча, х1аллакхилла, кхачор ду.
 Йилбаз ца хилча а йиш яц. Йилбазе ваьш 1ехадайта а йиш яц. Иштта ю кху дуьненан Дала елла амал. Х1уманах кхера ца веза, х1ума хаа деза. Кхераделча а, кхета ца кхетча а дакъаза долу адам а, къам а.
Цхьана хенахь,  воккхахилла, ткъей ит шарал т1ехъиккхина вог1уш, Ибрах1имна г1ан гинера. Зюкар дара юьртахь. Инзаре йоккха зуькаран ч1уг. Ерриге а ойланаш Деле йирзина, шовкъ еана, совцар доцуш уьдура адам йист йоцчу ч1агарехь. Синош, айделла, т1ома а девлла, Далла улло, сийначу стигала хьаладирзина гора.
    Ц1еххьаршха б1аьрг кхетта, воьхна виссира Ибрах1им: зуькаран ч1агарна юьккъехь массерал а х1атъаьлла хьийзара … Йилбаз!
     Цецваьлла, воьхна, шийлачу хьацарша а вуьзна самаиккхира Ибрах1им: «Ванах, х1ара ду-кх тхан моллас дуккхаза а дийцинарг… ма ларвала везаш зама, ма чолхе дуьне ду-кх х1ара, къаьсттана кху дахаран амалех дика кхеташ воцчунна…» 

     Кунта – Хьаьжа шена дуьхьал х1оьттина г1ан ма гиннехь дагчу дижира Ибрах1имна, шен  Расул  ц1авоьрзур хилар. Дика ойла екхаелла, ц1а вахара иза цу сарахь. Юьртахь доккха саг1а даьккхира цо шозлаг1чу дийнахь.



    Масех де хьалха юьрта баьхкина леллера районера хьаькамаш, шайца цхьана НКВДера Гаджиев а волуш. Цара къайллах дийцинера Самаде, юьртара нах кхаа декъе бекъа безаш бу: беднякашший, середнякашший, кулакашший. Кулакаш бохийна, юьртаха бохур болуш бу...
— Уьш муха къаьстар бу вовшах? — хаьттинера Самада.
— Чохь наггахь бен баа межарг а боцуш, не1армачех ара котан п1елгаш а девлла, хечин айлаа йоьхна лелаш верг —бедняк ву; чохь г1еххьа яа сиокал а йолуш, жима-т1ама уьстаг1а, бежана х1ума а йолуш, мелла а тасавелла вог1ург — середняк ву; алесам жа, я даьхний а долуш, цаьрга хьожуш цхьаъ, я масех стаг вацийнехь — уьш кулакаш бу! Цул сов, хьера ерш а, уй доху чарх ерш а, долахь туька ерш а — уьш а кулакаш бу! — кхетийнер бахкинчара Самад.
Самадна дагавеара шен нена ваша Муьслим. Цуьнан шен пхи-ялх б1е корта уьстаг1ий а дара, иттех говр а яра, уьш лелош, ме¬хах валийна кхо суьли а вара: дай, щи к1анттий. Цу буссехь хабар тоьхна Муьслиме, мехах балийна 1уй д1а бахийтира Самада. Барт а бина, уьстаг1ий пхеа-ялх стагана, гергарчарна т1е яздайтира.      
   Тахана бухабаьхкинера Рахьимаг1ар.
— Макаев Асвад а, цуьнан вежарий а х1унда бац кхарна т1ехь? — юхакхоьссира Рахьима пхи-ялх стаг т1е язвина кулакийн список.
— Цара мехах 1у лелош-м ца хаавелла кху юьртарчу наха¬на... — кхоьрруш жоп делира Самада.
— 1у лелийнехь а, ца лелийнехь а лаьцна, чувоьллинчуьра ведда лелаш обарг, бандит вуй-м ма хаьа хьуна церан! Мостаг1ий дебош-м вац хьо кху юьртахь Советан 1едална дуьхьалбаха?! Айхьа юьйцурш х1ун ю хаьий хьуна хаа а? Хьуо стенна х1оттийна ву хаа а хаьий хьуна?!
—Ломахь ду-кха церан дерриге а жа а, берриге а пал а. Хаац суна-м... т1еязбийр бу-кх уьш а. Цхьа Давад а язвина, кхиберш битича муха хир дара техь? — уьдура Самадан кегийра, стешха б1аьргащ.
     — Хьоьца иштта дийцарх г1уллакх хила ца доллу! —Сама¬дан стоьла т1ехьа охьа а хиъна, гоьла т1е ког а баьккхина, бага цизаьрка йиллира Рахьима. — Значит, так: Срочно хьалаг1ол ло¬ма хьайца ши милиционер а эций! Цигахь Макаевг1еран а, цуь¬ нан гергарчеран а, массеран уьстаг1ий,   даьхний,   говраш шаьщ дагардийр ду ащ! Пхи б1еаннал лахара церан цхьанне а уьстаг1ийг доций суна дика хууш ду. Оццул уьстаг1ий хилча, царна т1аьхьа мехах 1у ца лелош а ца 1ийна уьш. Ша массо а уьстаг1а, бежа-на, цхьацца доккхуш дагардаза кху юьрта духа догIур дац шу! Советан 1едал, хьаха, дац мацах Советан 1едална дуьхьала хилла къоман мостаг1а Салам – Хьажигай,  цуьнан къоталг1а йина х1уманашший санна йолчаьрга дохадайта кхолладелла!
     Давай хьалаг1ол лома. Аьтту балахь я дийна, я йийна, и Давад бохуг х1ума а ялор ю аш суна тIе! Уьдуш лела тодакх! Ша боьрша хилча-м, шен юьрта схьа а еана, охьахуур ма яра иза, едда а-ца лелаш.
Милиции белхахой а, Самад а шоллаг1чу дийнахь са ма тесси говраш т1ехь лома хьалаг1оьртира.
* * *
 
Давадан кийрахь лаьттарг — ша Рахьимна банза бисина бекхам бара. Цхьангге а багах ца даьккхинера к1анта шена сил къиза еттар. Вуьшта, ша-шена вай хетара, иза д1адеккхалц. Х1етталц шен вахарна ойла т1ейоьрзур йоций а хаьара к1ан¬тана.
 
     Вежарша а, йижарша а тебирзина, ломара ц1енош тодира, чохь 1а даккха а мегар долуш. Юьртара хьала ши етт а бигийтира. Ши галий ахьар а, жимма дам а, туьха а, мехкадаьтта а дахьийтира. Жанатис шен несана доккха дашон лаг-пиллиг делира, дашон заь1анна т1ехь: «Х1ара сан дедас Хьаьжацера вог1ущ деана ду хьуна. Кху чохь х1айкал ду. Цо ирс долуш хуь-луьйтур ю хьо, вонах ларъеш». Полла оццул доккха совг1ат схьа ца оьцуш, эхь хетта хьаьвзира. Жанатис, бисмилла а даьккхина, иза цунца коча оьллвра.
Делкъал т1аьхье яра ши милцо хьалха а волуш, Самад т1аь-хьа а волуш, уьш лома кхочуш. Говраш хи чуьра яьхча санна, т1адийнера хьацарша. Багара чопаш оьгура. «Ванах, т1ера охьа а ца буьссуш, лома хьалакхаччалц лаьхкина ялийна-кха цара    и говраш. Ма адамийн дегнаш дацкха щун кийрахь», — ойла хуьлура уьш гинчун.
      Шен бокъанна ленаш тухуш воллура Давад, лахара хьала Iертачу милцейх б1аьрг кхеташ. Говран ког меллаша охьа а бахийтина, жIов-морзах улло охьа а кхоьссина, цIенойн тхов т1е иккхина, тоьпах ка туьйхира к1анта. 1аьржачу соне д1а а таь1на, гериг  юьстах а та1ийна, ладог1а велира иза.
— Х1ей, нах! Вуй цхьа а чохь? — мохь туьйхира шина милцо-чунна хьалха ваьллачу Самада. Селхана ворданца лома хьалалсана, могуш воцуш хиллачохь аг1орваьлла 1аш вара Асвад. Халла хьалаайвелла, дуьхьалвелира иза хьешашна, йовхарш а етташ.
— Чохь ду, дер. Схьадуьйла, ма  латта. Валол,  д1атийсал церан говраш, — элира цо шен веше 1абдурахьмане.
— Х1ан-х1а. Чу даьхкина 1ан йиш яц тхан. Цхьацца хеттарш дара хьоьга дан дезаш.
— Делахь, дийр ду-кх «хеттарш» а. Вайн делор, аса шу д1а-м ца дохуьйту цкъачу а даьхкина, са а даь1на, х1ума а кхаьллина бен-м! Полла, хезий хьуна, яй оллал сихха!
— Х1ан-х1а, чу, даьхкина 1ойла дац, — бухаг1ертара хьеший. Асвада юха а дийхира: 
— Деллаш, дуьйла чу! Маьл хйр бара-кха шуна! Сан а дара шуьга дийца дезаш цхьа х1ума!
Асвадана лаьара баьхкинчкьрца Давадах лаьцна дийца. Лаьара, х1уъа дина, уьш цуьнца берта бахийта. Цундела доггах лаьара царна хьошалла дан, уьш реза бан.
Самад щен шина накъосте вухахьаьжира:
— Х1ун до вай? Чу доьлхий вай?
Важа шиъ дуьхьал вистхилла валале, Асвада, т1евахана, цхьаьннан луьйта лецйра:
— Делхьа восса охьа! Дуьйлийша.   Дакъийна   а,   дакъоза а шортта жижиг а дара-кха вайгахь.
Накъостий, вовшащка а хьаьвсина, говрашкара оxьабийссира. 1абдурахьмас говраш кертан хьокханех д1а а тийсина, хьалха х1етта яьккхина сийна буц тесира.
— Давад  стенгахь ву хьан? — хаьттира Самада шаьш чоьхьа довллушехь.
— Жа дажон вахана моьтту суна, — жоп делира вешо, шена иза тхов т1ехь вуй   хуъушехь.
— Уьдуш лелла вер вуй техьа иза? 1едална т1е веача тоьлара цунна. Тхоьга ша лаьцна дIуьвуьйтучул г1олехь хир дара цун¬на, — элира беха мара болчу милцочо.
— Дела дуьхьа, хаац суна-м, — бехказа вахана хьаьвзира Асвад, — х1уъа дича а, д1адоьрзур  дацара техь иза? Со-м суо а ма вара шуна т1е дехаре нах бахкийта дагахь.

* Гериг— тхов т1е юьллу еттана кибарчиг. (Сделать сноску)
— Дехаршка нах ма эхийта тхуна т1е! — т1ечевхира шоллаха, лохочу дег1ахь волу милцо, — законца лело дезаш ду г1уллакхаш. Законе диллича, Давадна суд ян йог1у, 1едало х1оттийнчу хъаькамна т1е куьг айдан вахьарна а, чувоьллинчуьра вадарна а. Иза ша т1е ваг1ахь, суьдо хан лахара тоха мега цунна. Нагахь ахь иза х1инцца тхоьца д1аваийта дош лахь, тхо хьан кхачанах а кхетта, иза а эцна, д1аг1ур ду. Ца лахь — т1аккха тхан иза нуьцкъаха д1авига дезар ду!
— Цул сов, шун уьстаг1ий а, бежнаш а ду тхан дагарда де¬заш, — т1етуьйхира Самада.
Полла сихъелла, ара-чу эккхаш, жижиг кхарза г1ерташ хьий-зара. Вукху яц чохь кхехка дулуш а дара жижиг.
— Делахь х1ета, цигахь велахь, и к1ант вахийтий, схьавола ала ас Даваде? — г1ийла, шеконца хаьттира Асвада.
— К1ант ма вахийта. Вайшиъ г1ур ву цига, — хьалайккхира беха мара болу милцо.
    — Со а вог1ур ву цига, х1уна лаахь, — хьовзавелла висира халла бен когаш т1ехь латталуш а воцу, цамгаро хьийзош волу Асвад.
И шиъ, араваьлла, д1авахара. Самадий лоха милцой маьнганна т1е д1атаь1на 1ара, чу-ара юьйлуш лелачу Поллийга хьарам ойланца д1а а къерзаш, вовшашка б1аьргаш а те1ош. Мала хи да олуш, шаьшшинан эткаш т1ера чан д1аяккха олуш, шаьшшинан дагахь забарш лелайора цаьршиммо жимачу зудчуьнца.
Йоккха хан ялале, вухавеара беха мара болу милцо шеца Асвад а валош. Иза оьг1азвахана вара.
— Ца веа? Вада-м ца веди? Цхьане доьлхий вай? — дуьхьалаиккхира Самад.
— Вац иза цигахь.  — Асвадана реза воцуш, б1аьргаш а къерзош, эккхийтира мил¬цочо. Асвад вистхила карахдолуш а вацара. Хорша еъча санна, дегадора дег1.
 — Уьстагий дагар мукъа дин ахь? — хаьттира Самада.
— Дагар ди. Уьш-м пхи-ялх б1е хилла а 1ийр бац, — куьг ла-стийра милцочо.
— Б1ей безткъей кхоъ бу-кха уьш, х1инцца дина 1ахарий а цхьана. Тхо кхаа ден а дукха уьш, — г1ийлла элира Асвада.
   Самад, схьадаьккхина, цхьа кехат язда вуьйлира.
— Хьан дешичан Шайхмохьмадан маса бу? — хаьттира цо Асваде.
— Цуьна-м шовзткъа-кдузткъа белахь кхин бац. Ша дийна воллушехьа шена а, шен зудчунна а т1ера саг1а даккхийта дагахь д1адоьхкина цо уьстаг1ий, — элира Асвада.
— Бакъдерг дййцал, цкъа а жана т1аьхьа мехах 1у лелийни аш?
     — Миччара! Тхан-м хилла дац нахе леладайттал, уьстагий, — къежира Асад.
— Цхьана дийнахь а, 1аьндашка, я суьйлашка г1о дехна а, накъост ца лаьцна аш? — юха-юха а хоьттура Самада.
— Миччара! Цхьа да хилла вац-кха хьуна цу уьстагашна уллохь. ...
— Махьама-м вара, — эккхийтира, х1етта хи мала чу веанчу 1абдурахьмана.    
— Варий? Мила Махьама? Шун жа т1аьхьа лелаш варий иза? — меттахвелира Самад. Шина милцочун б1аьргаш а къаьрзира.
— 1аьндара Махьама вара тхан Давада валийна. Сан доттаг1а ма вара иза. Цо-м суна топ кхосса 1амийра, — воккха а веш дуьйцура хуьлучух ца кхетачу к1анта.
— Д1адаьлла д1а, шаш1а, хьайна цахуург а ца дуьйцуш, — цо дуьйцург тергал а ца воккхаха волчу вешо. — Веанехь, хьошалг1а веана хилла хир ву-кх 1аьндахь волчу сан доттаг1чун к1ант
— Т1аккха, д1авоьдуш х1умма ца елира Давада цунна? — т1аьхьа ккхиа г1ертара милцой а.
— Ши уьстаг1а-м белира! —  дозаллийца элйра 1абдурахьмана.
— Ткъа топ мича яьхьира ахь?
  Асвад кхеравелира, цо х1инцца «беданахь ю-кха» олу, аьлла. Сихха ша юккъаиккхира:
 — Д1авалахьа, д1а. Топ мича яра иза. Мацахлерчу тхан дён-ден йиссина истамалан барх1 са болу мажар! Из-м юьртахь ю, вайн ц1ахь. Эшахь, ас хьуна а дера лур ю иза-м.
Милцочо, цхьа дика, кхин топ карла ца яьккхира.
Самада, воккхавеш, цхьа кехат яздира.
— Кху буха п1елг та1он безар бу ахь! — элира цо Асваде ша ваьлча.
— Та1ор бу-кх. Аш аьлларг, шуна тайннарг, дийр ду аса-м, — реза хилира иза.
Цхьана бехчалгана т1е шекъанан т1адам а божийна, иза жимма д1аса а баржийна, цу т1е 1оьттира Самада Асвадан нана п1елг. Т1аккха и п1елг ша яздинчу кехатана буха та1ийра.
     Буззалц х1ума а йиъна, шаьш арабовлуш Самада элира:
 - Ас вай цхьа юьртахой а долу дела, вощнашна хийра а доцу дела, вовшашна вон болх хила а ца луу дела боху хьоьга. Гучу ма ваьллииехь, Давад 1едална т1е д1авахийталахь. Ца водахь, кхара шаьш схьалацахь, г1уллакх вон хир ду хьуна цуьннан! Варийлахь, ас х1инца х1ара шиъ д1авохуьйту, хьо а хьан ваша а ца лоцуьйтуш. Со шу к1елхьара дохуш лелаш ву 1едална гергахь. Вуьшта, Давад т1е ца вахийтахь, г1уллакхаш вон хир ду. Эцца ши-кхо шо а даьккхяна, ц1авог1ур ву, ша т1е водахь. Ца воьдахь, шаьш схьалацахь, дийна чуьра араволуьйтий хууш а дац!
— Хаьа суна-м, Самад, хьо тхуна г1уллакхна араваьлла вуй. Дела реза хуьлда хьуна! – баркаллаш бохура Асвада, - Дала сий дойла хьан! Хьан да а ма вара дика стаг, цхьаний дена новкъа а воцуш. Дийр ду оха-м ахь боххург. Дера, дийр ду. Дала мокъалахъ. Тахана щайна цатам хиллехь а, бехк ма биллалаш, къинт1ера довлалаш.
Ши милцо-м, дукха йиъна, 1уьпаш оьхуш, вистхилалуш а вацара. И шиъ говрашна т1е а ца хаавелира кертана тоьхначу г1уркхана т1е а ваьлла бен. Беха мара болчо-м и г1уркх шен дег1ан возаллийца кагбира.
 
ГIадвахана, ког лаьтта ца кхочуш, хьийзара Рахьим. Цунна дагахь а дацара хIара гIуллакх иштта атта а, дика а нислур ду бохург. Цо воккхавеш ловзадора Самада хIоттийна кехат. Цу тIехь яздина дара, Асвадаг1еран а, церан дешичан Шайхмохьмадаи а,  а массеран а пхиппа б1еаннал к1езиг доцуш уьстаг1ийн кортош а ду, дуккха а даьхний а, говраша ю, мехах лаьцна лелош 1уй а бу, аьлла. Ур:аттала, цхьа 1у шен ц1ераца а вазвиера: «1аьндийн к1ант Махьма» — аьл¬ла. Буха та1ийна — Асвадан шен п1елг!
1у вацор — иза уггаре а коьртаниг дара кулакаш беш.
Цул сов, Давад  кестта ша 1едална д1алур волу шву, аьлла дош а деллера юьртадас Самада.
Рахьим ойланаша гена ваьккхира. «Асвад а,  цуьнан доьзалш а кулакаш бина арабохур бу. Поллин ден Щомсин а хьера ю. Иза а, шеко йоццуш, кулак ву. Давад лоцур ву. Полла — бандитан зуда ю, аьлла Давад 1иначу чу кхуссур ю. Кхуссур ю, ас тохара юкъалелачуьнга аьлла ма хиллара, бекъачу, попан аннех бинчу маьнганна т1е!  Давадан мерах тийсина ц1еш 1енначу маьнганна т1е! Ас хоьхкур ю хьуна иза-м шен дегIаха йоххалц, сетташ лела кхахьпа!»
Рахьиман хьаьрса мекх хьала-охьа уьдура. Хийра, можа цергаш вовшех хьекхалора.
     Лаца ца хьийзош, Давад витахьара, мел оьшу мах а лур ба¬ра, — аьлла ши стаг вахийтинера Асвада райисполкоман председательна т1е. Наха бакъахьара стаг вуьйцура иза, гIийлачаьргахьа узуш, оьзда стаг ву, бохуш. Амма цо и нах бухабахкийтинера, энкеведан начальник Грознера хьалаваийтина цхьа харц стаг ву, Рахьим цуьнан  доттаIа ву, шен дан х1умма а дац, аьлла. Цул сов, Цхьа кхин тамашийна хабар а даийтинера райисполкомман председатела: «Ломахь лечкъачу Давадал вон хьал ма х1оттахьара юьртаюккъехь бехачу нахе...»
     Кхечу адамийн санна паргIат вахарх шен цкъачунна дош хирдоций хиънера Давадна. Т1аьхьа-т1аьхьа, ур-аттал, буьйсанна д1авижча, чомахь наб а ца кхетара. Хаьара, мичча хенахь а, ша лаца бахка мегий. Лечкъаш лелийла-м данне а дацара, керла  далийна нускал чохь ша а дитина...
      Цхьана ч1ебарлочера тапча а, патармаш а эцнера Давада. Иза г1евланга юьллура, ша д1авуьжуш.    Маьнганна улло, юлий,  топ х1оттайара. Обарг ву, аьлла, уьдуш ца лелахь а, обарган дакъа дара Давадана т1едеанарг.
Йовхонан тов д1а ца яьллера ломара, сентябрь бутт болабеллехь а. Жа дажон лелаш ерг дукхахьолахь Полла яра. Асвад шен доьзалшца селхана хьаьжк1аш д1аерзо дагахь, юьрта охьа ваханера. 1абдурахьман а школе деша д1аволавеллера.
Геннара Поллийга б1аьрг а бетташ, шаьш хьакхоза йисинчуьра, цхьана гомхачу меттера цана  хьокхуш воллура Давад. Малхо дагийна, 1арждинера цуьнан зоьртала, пха санна дуладелла,онда, къона дег1.
«Йовха йолуш, х1инца санна, юьстахвийла таро елахь а, 1ай д1асавийла хала хир ду. 1ай со лаца атта хир долу дела 1а уьшг тебаш. Хаьа, цхьа-шиъ шайха виний бен, со кара г1ур воций. Жа ломара охьадоьдуш д1аяхийта еза Полла а. Лаахь, сан ненаца 1ер. Лаахь, — шен ц1ахь. Сох майра хир вац цун¬на, цкъа Рахьимг1аьрца дерг къастталц».
Малхо дохдина уьстаг1ий хьеха левчкъинера. Давадна гира Полла хи т1е йоьдуш. Цунна т1аьхьа ваха дагадеана, дог мерза 1аьвжира. Ваша а, цуьнан доьзалш а цхьана мел бу, безам эцар ца хиллера къоначу шиннан.
Охьа а лахъелла, чамий чохь хи моьлуш 1ара Полла Давад гучуволуш.
— Ахь молий? — елакъежира Полла, шен майрачуьнга чамий д1а а кховдош. Давада, улло веана, масех къурд бира.
— Д1аг1о вайшиъ кхузара? — сихха элира Поллас.
  — Мича, хи уллорий? — ца кхеташ, цецвелира Давад.
— Х1ан-х1а. Цхьанхьа Соьлжа-Iала, я кхин а гена... Вуьтур ма вац хьо кхузахь чомахь.
    -Аса а йинера цуьнан ойла-м.
— Т1аккха?
Давад велавелира:
— Суна-м ларт1ехь г1азакхийн мотт а ца хаьа. Ас хIун лелор ду Соьлжа-гIалахь?
— Ахь деша х1унда ца дийшира, бакъе а? — хаьттира Пола.
— 1аьржа бекъа еллера суна дадас. Аьрзул дагайог1ий хьуна? Цунна т1аьхьа а ваьлла, и дукха езаш, иза гучуьра дIаяьлчаца мегаш, ца дийшира-кха.
    Давад бай т1е д1атаь1ира. Пхьарс а лаьцна, озийна, Полла а шена улло охьахаийра.
— Маса класс яьккхира ахь, яккха мукъа?
— Йиъий, аххий.
      Полла елаелира.
  - Са-м ахь доьшуш а, догъэт1аш 1ара! — элира Давада
— Х1унда? — цецъелира Полла.
— Оцу ишколехь-мел волчу к1антаца гамо яра сан, хьоьца уъш х1унда бу, бохуш.
     Аркъал таь1на, бай т1е д1авижира  Давад. Поллин хаза корта, яьржинчу к1едачу месашца, шен 1орачу, малхо беташчу некхат1е биллира к1анта.
— И ц1е мичара яьлла хьуна, Полла?
      — Со б1аьста йина йолу дела. Бай т1ехь полларчий ловзучу  хенахь.
           - Ткъа хьан йишийна мичара яьлла Чилла боху цIе?
— Иза 1аьнан чиллахь йина йолу дела.
— Хаза-м ю хьан йиша а. Маса шо ду цуьнан?
— Ялхийтта. 1ай вуьрх1ийтта кхочу. Сол цхьа шой кхо буттий жима ю-кха иза.    
— Хаза-м ю, — юха а элира Давада.
— Соьл-ай? — елаелира Полла.
— Хьоьл а.
— Хьан ши йиша а ю хаза ший а. Ц1ераш а ю цаьршиннан ха¬за, Хьо ма ч1ог1а дукхавеза цаьршинна. Хьо чу воьллина волуш, араваьлла аьлла   хаззалц,   юучух бат ца   туьйхи  бохура цаьршиммо.
— Гой хьуна? Ахь боху, д1аг1о вайшиъ. Муха буьтур бу уьш берриге а шаьш?
— Хьо парг1ат вуй хиъча, церан синош а хир ма ду парг1ат.
— Хаац. Цкъа кхушара цхьаннахьа а г1ур дац вайшиъ.
— Ломахь вайшиъ мичхьа ду ма хаьа. Мичча хенахь а лоцур ма ву хьо.
— Цундела, гурахь, жа охьалоллуш, хьо а юьрта охьайо юхуьйтур ю ас. Сан сайн а ду нисда дезаш цхьацца г1уллакхаш. Юха б1аьстале хуур вайна дан дезарг.
    Полла кхин йист ца хуьлуш, Давадан некха т1ера корта, хьала а  ца ойбуш, 1ара.
— Хезий хьуна? — эсала элира Давада.
— Хеза, — тийна жоп делира Поллас.
— Суна х1ун дагахьлаьтта хаьий хьуна гуттара а?
— Х1ун лаьтта?
— Хьо. Тохара  со хьера к1ел йолуш. Т1е детталуш  хи  а долуш. Яьтт1ачу кучаца. Ма кхераеллера со хIетахь. Со елла хир яра эццигахь хьо т1е ца кхаьчнехьара.
— Хезий хьуна? — юха а хаьттира Давада хьалхачул а к1еда.
 — Хеза...      
           - Цхьа меттиг ю суна хууш д1о лаха чохь. Басах чу оьгуш хи ду цигахь, шун хьера к1ел санна. Цига г1о вайшиъ?
— Х1унда?
— Йовха ма ю вайна.
—Цхьа а хуьлий цигахь?
— Аддам а ца хуьлу.
— Буьйсанна вай долчу к1отара хезий и г1овг1а?
— Хеза.
— Делахь х1ета, и г1овг1а хир ю-кх ас ладийг1инарг. Хьерахь санна хеташ.
     И шиъ, ши бер санна, ловза а ловзуш, чухчари йолчу дахара.
— Хезий хьуна?
— Х1ун боху ахь?
— Д1аяккхахьа хьайна т1ера коч.
— Д1авала! Ахь х1ун дуьйцу?!
— Х1етахь, хьера к1ел санна... — куьг а лаьцна, хи к1ел озий-ра Давада шен къона нускал.
Мара хьерчара и шиъ, ши ч1ара санна. Доггаха хьоьстура царшиммо вовшийн, шаьшшиъ кестта гуттаренна а вовшах хъаьстар хилар дегнаша хьоьхуш санна. Доллучу а дахарна а белла безам, тахана, кху ирсечу сохьта берриге а мелла, чекхбаккха г1ерташ санна...




     Т1ом, революции, я кхечу кепара сингаттам иккхина, даьржина, дакъаза дала герга дахана, халча х1оьттина  хьийзачу хенахь къам масех декъашка декъало.
     Цхьа адамийн дакъа цу т1ебеанчу балех кхета а кхетта, къоман чов к1арг ца ялийтуш, и к1елхьара даккха г1ерташ хьийза, хьаьнгга, мухха орца даьккхина а.
     Вуьйш, шайн дан а, шайн карахь а х1умма а доций хуурш, болх Далла т1е а буьллий, юьстаха бовлий 1а, шайн доьзалийн бен ойла а ца еш. Цхьа кхинаш а бовлу. Уьш – 1адат а, шар1 а, юькъаралло т1еэцна законаш а дицдой, хиллачу кегарийна юьккъезула каетташ, хьал гулда г1ерта, милла дакъаза валахьа, дерриге къам х1аллак хиларх а шек а ца бовлуш. Цу каеттачу тобанеха, цу тобанан сурт дара г1ера а кхоьллина, хьаналчу нахана бале ваьлла хьийза зуламхо Тарзан.
     Хуьлуш лаьттачун духе кхиа а г1ерташ, эшначахь шен са а кхуор доцуш, доггаха адамаш а, шен къам а дезаш хьалакхиъначу тобанеха вара лор Расул. Тахана Расул Тарзанан йийсарлехь вара. Шена ха деш волчу цхьана баьхьарчо аьллачу дашах хиира цунна ша вадавайтинарг а, х1инца йийсарлехь латтош верг а и вуй.
     Декъаделла а, декъадала  кечлучу а къоман ши юхь, ши кхетам, ши ницкъ бара и шиъ. Къилбаседера таханей, таханей, бохуш, т1ег1ертачу т1амо цу шиннан мостаг1алла, дуьхьаллаттар йоккхачу билгалоне дуьллура. Цу къийсамо, цу дуьхьаллаттаро, цу т1амо гойтур долуш дара, ду нохчийн къоман кхид1а а рицкъа, я дац.
     Тарзан санна болчу нохчийн амалш а, кхетам а дика бевзара  Расулна. Иза лор, спорсмен хилла ца 1аш, к1орггера психолог вара.
     - Сан Тарзанца шегга дийца цхьа х1ума ду, уллохь стаг а воцуш. Т1екхачаве со Тарзанна, - хаайтира Расула цхьана дийнахь хехоче. К1ант  цхьана бетонах йоьттина, цхьа а кор а доцуш, боьха хьожа уьхуча луларчу колхозан эрна арахь йолчу удобренин склада чохь латтош вара.
    Цу сарахь ц1евзира складан не1. Иза х1инццалцчул шуьйра д1аеллаелира. Чуваьллачу къонахчух б1аьрг ма кхитти хиира Расулна, иза Тарзан вуй.
     Расула ойла йинера, мел ша шен ден бехк бац,  иза колхоз к1елхьара яккха нехан дуьхьа г1ерта, бахарх, мел дукха хабарш дийцарх, лекцеш ешарх Тарзана а, исанначара а к1езаг ладуг1ур хиларх. Амма цунна хеара муьлхха а нохчо т1ехвала йиш йоцуш, Дала нохчочун, и муха велахь а, ц1ий чу дехкина цхьацца законаш дуй. Масала, яхь, стогаллех ца валар, цу стогаллин мах х1орамма а ша цуьнах ма кхеттара хадабахь а. Расулна  хеара, Тарзан санна болчара муха хадабо а стогаллин, доьналлин мах.
     - Хьо цхьа ч1ог1а къонаха а, доьналлехь стаг а, хьайн дешан да а ву, бохуш, дуьйцуш хезна сунна наха. Бакъ дуй иза? – хаьттира Расула Тарзан шена улло веана, салам ма кхоьссинехьа, цуьнгара салам схьа а оьцуш.
    - Понты оставь, х1у г1уллакх ду хьан соьца? – куро – о жоп делира къонахчо. Иза ван а вара сту санна онда, зоьртала стаг. Хесара Расул а вацара. Амма Тарзанна ца хеара иза Орджоникидзехь лоьрийн дешар доьшуш доьнна дзуьдон спортан мастер а, кегийрхошна юьккъехь Европин чемпион а хилла вуй.
     - Мацах вайнехан къонахаша х1удеш хилла хеай хьуна? – хаьттира  Расула..
     - Х1удеш хилла? – Расулан  дешнех цавашар дара Тарзанан юьхьа т1ехь а, озехь а.
     - Къовсавелла шиъ охьатухург леташ хилла. Эшначо тоьллачо аьлларг деш а хилла. Иштта къонахий хиллакха вайн дай.
     - Хьуо соьх лата къонаха ву бохург – м дац хьан иза? – велар шершира Тарзанан мажо юькъначу шуьйрачу бета т1ехь.
     - Цхьаберш – м шаьш леттачул т1аьхьа доттаг1ий хуьлуш а хилла. Ама ас хьоьга сайн доттаг1а хила бохур дац, со хьан йийсархо ву. Амма цхьа Делан г1онца ас хьо эшавахь, ахь суо д1ахеца – м луур ду суна. Хьо лаьцна волуш хьан ц1еранаш халчахь ца хилла, царна хьо мичхьа ву хууш хилла дела. Сан дена – нанна со дийна ву – вац а ца хеа. Церах къа хетта сунна. Цундела со доггаха летар ву, хьо реза велахь.
     - Ас хьо эшавахь х1удо вайшимма? – самукъадаьлла, цавашарца велавелира Тарзан.
     - Ахь со эшавахь ас сайн ц1ий  хьаналдо – кх хьуна. Со х1ета а, вета а вен валайна вац аш?
     - Ладно, посмотрим. Мичахь, маца лета вайшиъ?
    - Х1инцца. Кху чохь.
    - Х1инцций? – цецвелира Тарзан.
    - Хьайх хехошка не1 д1а а ч1аг1ийта, кху чохь г1овг1анаш хазарх, цхьа а чу а ма вола, ала.
     - Мегар делахь, - реза хилира Тарзан. Цунна хеара реза ца хилар эхь дуй. Иза Расулна а хеара.
     Аьхкенан довха де дара. Расулна т1ехь пхьуьйшаш доцу к1ай коч яра, м1одаша а юьзна. Тарзанна т1ехь – 1аьржа майка.
     Склада юьккъехь, удобрени чохь йолуш а, йоцуш а этт1а галеш д1аса а кхийссина, шаьшшинна лата меттиг яьккхира цаьршимма.
     1ункар а таь1на, т1амарш д1аса а тесна, лата дуьхь- дуьхал вирзира ши къонаха. Тарзан т1еуьдура, Расул д1алелхара,ша цуьнах кхоьру мотийтуш.
     - Маж лаца мегар дуй? – хаьттира  Расула  ц1еххьаршха.
     - Мегар дац! – мохь тоьхнна, оьг1азе  жоп делира Тарзана.
     - Вайшиъ леташ ма ву. Ахьа а лацахьа хьайна луъург, - дог эт1адора  Расула.
     Цхьана хенахь, т1екхетта, Тарзана Расул  т1екъалдоьттинчу удоренин галеш т1е охьатуьйхира, амма спортсмен сихха к1елхьара велира, цхьа ког лаьцна, т1екхеттарг аркъал а тухуш. Догдаьтт1а,  хьалаиккхина, т1еведира Тарзан.
     - Маж лацайтахьа, - юха а догъэт1адора  Расула  цуьнан.
     - Маж стена юьйцу ахь? Хьуо латахь охьатухург лата, и хабарш а ца юьйцуш! – оьг1ахваханера Тарзан.
     Чухула д1асауьдуш, вовшен куйгаш схьа а лоцай, д1асаийзош, еххза хан елира. Тарзанан, спортсмен ца хиларе терра, к1адвалар алсам дара.  Расула,, и хууш, хан йойура, чучча ца воьдуш.
     - Маж лацийтахьа, - цавашарца юха а элира Расула шега ма баха аьллашехьа.
     - Ас цу хьаьжа юьккъе тапча тухур юкхахьуна, ахь и маж кхи соьга юха хьахаяхь! – мохь хьаькхира Тарзана.
     - Оьг1аз ма г1охьа, ас-м забар йой, - къамеле ваккха г1ертара Расул шен довхо. Х1уъа дина а, 1ехийна а, тилайна а кху чуьра аравалар яра цуьнан 1алашо. -  Хьуна лаахь жимма са а до1у вайшима.
     - Ца до1у! – т1ечевхира Тарзан. – т1екхета, хьуо стаг велахь!
     - Стаг волу стаг шен дешан да хила везий? – хаьттира Расула.
     - Веза! – доцца жоп делира Тарзана.
     Цуьнан багах и доллашехьа, ц1еххьашха т1екхетта, айвина, шиког ирах а болуш, аркъал лаьттах туйхира Расула цуьнан онда дег1. Т1екхетта, цунна т1ехаа йиш йолуш вара Расул, амма цо иза ца дира. Ша уьстаха а иккхина, хьалаг1аттийтира.
   Чел а дарвелла, т1ехахкавелира Тарзан. Амма Расула, т1екхоччушехьа г1одаюьккъера а лаьцна, шена т1ехула кхоьссира. Галеш этт1а, соне д1агулъйнчу удобрении юьккъе дуюжира цуьнан онда дег1. Г1аьттанчу чено д1аюьзира ерриге а чоь. Рсулна моьттура, цо х1инца шен тапчанах катухур ю. Амма иза юха а Расулна дуьхьал х1оьттира, шен б1аьштигаш т1ехула 1овраш санна охьауьху хиш д1аса а хьоькхуш:
     - Лата мичахь 1амайна ахь? – хоьттура цо, хала са а доь1уш.
     - Студент волуш. Орджоникидзехь.
     - Сан отряде вог1ий хьо?
     - Х1ан – х1а, со лор ву. Чов хилларг то-м вийр ву ас, иза мила велахь а.
     - Дика лета хьо.
     - Бехк ма билла, ас сайна дзуьдо хеа ца аларна. Кху чуьра аравала лиъна дагадеар – кха суна х1ара.
     - Ладно, тоайту вайшимма. Хьо туьйли. – къарвелира Тарзан. Расула ладуьйг1ура, кхи х1у олутехь цо, бохуш. Тарзана элира:
     - Ахьа а, хьан дас а суна бина цхьа а вон болх бац. Со-м суо а хьо д1авохуьйтур волуш вара. Наха цхьацца аьрзнаш динера, хьан да сит шарахь колхоз йиъна, х1инца а и марш багара д1а ца хецалуш воллу, бохуш. Гарехь, иза иштта а хир дац.
     - Иштта дац, - ч1аг1дира Расула. – Массанхьа а йоьхна хилча, сан дега колхоз а латталур яц. Нахах дага а ваьлла, цара боххург дийр хир ду цо х1инца.
     Мохь тоьхна, хехо чу кхайкхира Тарзана:
     - Сан водителе х1ара д1авига ала кхуо боххуче.
     - Баркалла, - эккхайтира Расула  ша ара волуш.
     - Къинт1ера вала. Г1уллакх 1отталахь, эр ахь, - элира Тарзана, куьг а кховдош. Расула куьг схьалецира. Цкъа мара эккха дог хилира. Т1аккха а, и сов а хетта, забар йира:
     - Ахь маж лацайтинехь вайшинан латар сихха чекхдер ма дара.
     - Х1илла ди ахь сунна, - вела къежира Тарзан.
     - Кху доллучу дуьненчохь а лелаш дерг х1илла ма ду. Ткъа вайгахь, нохчашкахь, и дац.
     - Иза юха вайшиъ вовшахкхеттачахь дуьйцур ду вайшимма.
     - Дика ду. 1адика йойла.
     - 1адика йойла.
 




      


Сингаттаме хабарш даьржинера гуьйренца юьртахула. Цхьаболу юьртахой, кулакаш бу аьлла, ц1ерш мел техкйнарш, юьрта-ха бохур бу бохура. Делахь а, шайн бертахь шайн уьстаг1ий, даьхний керла юьллуш йолчу колхозана д1аделларш х1умма а ца деш, буьтур бу бохуш а дуьйцура.
 Сингаттаме денош дара уьш. Цхьа хийцамаш т1ег1ертий-м хаьара нахана, ярташка хьийза салтий алсам мел бевли а. Массо а ладоьг1на 1ара.
Иттех стаг вара юьртахь, «дела вац» — аьлла жоп а делла, парте ваьлла. Царна юкъахь Зайдаш ц1е йолу цхьа зуда а яра.
«Лай ду бохуш, тхан тхов т1е таьрхаш диттира аш! Х1инца хьовсур ду вай лайш муьлуш ду! Сан чохь са мел ду, т1ом хир бу сан молланашца, бехаш болчу нахаца тхо мацалла даларх, баа межарг ца луш, духа  лург ахьаран сахь ца луш, латтийра аш. Х1иница дерриге а тхан ду латта, рицкъа, дахар! Со серлаяьккхинарг сан сийлахь, дашо парти ю! Д1адаха вайна юккъера бодане, шира х1уманаш. Юьстахкхийса ас сайн коьртара х1ара гулмаьида санна!» — ласттийна, коьртара х1ума юьстах яхийтира Зайдаша хьастаха, 7-чу ноябрана бинчу гуламехь, шен хьаьрса месаш гучу а йохуш. Лерана ладег1ара районера баьхкинчу хьаькамаша, школера далийначу бераша.
      Цул тIаьхьа доккха ловзар х1оьттира юьртан майданахь.
      Массарел а хьалха хелхар дан юккъе велира юьртада Самад. Цунна хьалха иккхира ши куьг а айдина, хьаьрса месаш схьа а хецна, партехь йолу Зайдаш.
       Пондаро, вотано йоккха гIовгIа экхийтинера.
  Цхьана хенахь Зайдаш закъ аьлла, ловзарна юьккъехь сецира, 1адийча санна. Районера веанчу цхьана хьаькамо мохь туьйхира!
— Хьо х1унда сеци, ва Зайдаш? Х1ун хилла хьуна?
— Кулакаш бу-кх новкъа. Царех ког 1итталуш, д1а жа доьду-кх сан хелхар!— жоп делира Зайдаша.
— Ткъа хIун дан деза хьан хелхар д1адахийта? — хаьттира льаькамо.
      — Д1абаха беза-кх кулакаш кху юьртара лаххьийна!— жоп делира Зайдаша.
— Х1ей, нах, хезий шуна? Кулакаш бу боху цо вайна новкъа берш. Д1абохур буй вай уьш цунна новкъара? — хаьттинра къонахчо.
— Бу:у-у, — гIийлла элира наха. «Кулакаш» бохург хIун ду а, царех дан г1ертарг шайна х1ун ду а да хааре терра.
   Юха а пондаррий, вотий д1адоладелира. Зайдашан хелхар а д1ашарделира. Йоккха юкъ ялале, юха а д1асецира Зайдаш ловзарна юккъехь, ши т1ам йрх а бахийтина.
— Х1инцах1ун хилла хьуна? — хаьттира хьаькамо.
— Х1инца а ца дало соьга хелхар!
— Х1инца х1ун ю хьан когех тийсалург?
— Молланаш букха сан ког ца шаршуьйтуш берш.
— Ткъа х1ун дан деза?
— Д1абаха беза-кх уьш вайна юккъера.
  - Хезий щуна? Д1абрхур бу вай Зайдашан а, вешан а  новкъара молланаш?
— Бу-у-у, — дийкира школера далийначу берашна юкъахь,  иттех стагехь.
    Ловзар чекх а даьлла, нах д1а6ухуш лаьттачу хенахь Зайдашана т1е яхара цуьнан лулахо Саибат.
    — Зайдаш, хьо стенна лелара нахе межаргашший, ахьаррий доьхуш? Нехан зударий санна, хьайн майрачунна т1аьхьа а х1оьттина, ирзу х1унда ца ц1андора ахь? Бежнаш, уьстаг1ий стенна ца леладора ахь? Нахана шашах хуьлуш ю моьттура хьуна и сискал? Хьо нахаца а лелла, майрачо йитина, ц1а яийтарх, баха г1ерташ бохкучу нехан бехк ма бац! Хьан ког тийсалур бу бехачу нахах а, молланех а. Хьайх терранаш бен кху юьртахь ца бисича, атта хир ма дара хьуна хьацн ц1ога хоьхкуш лела, бехкбилла да а воцуш.
 Зайдаш Саибатах лата чухьаьдира, боьха бага а лееш. Дуьхьалъерза дагахь Саибат а яра.    Наха д1аса къастийра  даръелла ши зуда, 1адда1е, г1овг1анаш ма е, аьлла.


   Иттех доьзал бара юьртахь кулакаш бу, аьлла, ц1е тоьхна.
   Гурахь, жа  аренга   охьалохкуш,   дуьхьал а бевлла, д1адаьккхинера Асвадера а, цуьнан дешичера Шайхмохьмадера а, кхин а масех юьртахочуьнгара а уьстаг1ий.
   Уьш дерриш а колхозан ду аьлла, ц1е а тоьхна, 1уй а лецна, аренца охьадигийтинера юьртарчу а, районера деанчу а 1едало. Шомсийн хьера а, колхозан ю аьлла, д1аяьккхинера. Амма Шомса цу чохь пхьархочун болх бан витинера.
  Асвадана шеца лелош йолу гамо ерриге а Рахьимг1ара лелош ю, иза лаккхарчу 1едална д1ахиъча, могуьйтур а дац, ма-дарра хиъна даьлча, шайн жа схьа а лур ду, аьлла хетара. Ломахь уьдуш лела ваша, д1адаьккхина да мел волу жа — и дерриге а лан хала дара х1инца дена а, доьзалшна а, гергарчарна а.
   Ша хьеха а хьоьхуш, дехха кехаташ яздайтинера Асвада Поллийга. Цхьаъ Москва Калининан ц1арах теснера, наха ма хьеххара. Важа Грозне, обкоме.
Цкъа гуьйранна юьххьехь диллина ло дешна, д1адаьллера. Ламанийн баххьаш бен дацара к1ай гуш. 1уьйранца г1ура хуьлура.
     Теркайисте жаца охьадахар ца хуьлуш, ц1ахь бисинарш, сагатлуш, денна дечиг дан оьхуш, цхьацца ц1ент1ехь данза диссина г1уллакхаш кхочушдеш, сагатдеш хьийзара.
      Коьртачу декъехь, кхеран сагатдийриг — оцу колхазо шайгара схьадаьккхинчу жа т1е бахийтинчара и жа мегарг леладахьара, мацаллий, шелонний дала ца долуьйтуш, бохург дара.
      К1еззиг бен догдохийла-м яцара уьщ духадоьрзур ду бохучух. Делахь а, уьш цкъа а духадоьрзур ца хилча а къахетара, цкъа а шайн долахъ уьстаг1ий хилла а, я уьстаг1ий лелийна а кегийнах ма бацара колхозо царна т1аьхьа хьовсийнарш.
Цу дийнахь, делкъан ламазан хенахь юьртасоветан хьадалча веара Асвадан уьйт1а Самада д1акхойкху, аьлла. Иза шена ма хеззинехь, сагатделла, д1ахьаьдира Асвад.
 Иза д1авахана йоккха хан ялале, цунна т1аьхьа Шайхмохьмад а вахара, т1ерг1ан пазаташна т1ехула калош а юьйхина, техка а техкаш.
— Оссолом 1алайкум! Шу марша а дог1ийла, хьеший! — са¬йлам а делла, хьалде хаьттира Асвада хьешашка. Хьешийн куьйгаш т1аьхьо чоьхьаваьллачу Шайхмохьмада  а лецира.
       - Ахь аьрзнаш а яздина, меттахабаьхна бу-кх х1ара нах, Асвад, - лен велира юьртада Самад. - Х1ара веана хьаша Соьлжа-г1алара обкомера ву. Кхуьнца верг районера, милицера ву. Гаджиев Рахьим ву шайца харцонаш лелориг, бохуш, яздо ахь Маскох кхаччалц. Рахьиман х1ун бехк бу? Х1ара кехат гой хьуна? Кху   т1ехь та1ийна   п1елг  — и хьан куьйга т1ера п1елг бу. Кху т1ехь дIаяздийнарг а ахь а, хьан доьзалша а дийцинарш ду. Гой хьуна? Х1оккхузехь дIаяздеша ду, ахь жа т1аьхьа мехах лаьцна 1у лелийна бохуш!
— 1уй? Бакъ ма дац иза! Харц стенна лоь хьо гуш лаьтташехь?! - цецваьлла висира Асвад.
— Харц муха лоь? Хьан вешо дерриге а ма-дарра схьадуьйцуш дага ца дог1у хьуна?
— Суна хууш ма дацара и 1у валор. Я оьшуш валийна а ма вацара иза! Эцциге, веана, бутт гергга зама яьккхина хиллакх цо. И бахьанехь дерриге а жа дIадаккха дезаш дуй техьа тхоьгара массаьргара а? Харц х1унда лоь шу тхоьга? Ахь мукъа ехьа тхуна юкъахь нийсо, х1ай хьаша, делхьа е! — аз дега а деш, Соьлжа-г1алара веанчунна тIевирзира Асвад.
— Кху кехата т1ехь д1аяздина ду шу х1ораннан а пхи бIе сов уьстаг1а бу аьлла. Бухахь ахь та1ийна п1елг а бу. Ткъа колхозана аш схьаделла уьстаг1ий дац кхаа б1еанга кхочуш а. Кхидерш стенга даьхьна аш? — т1ечийха вуьйлира г1алара веанарг, гIо даран меттана.
— Ас Къур1анах дуй буу-кх хьуна, кхара д1адаьхначул совнаха кхин жа ма дацара тхан, аьлла, — къамелана юкъагIоьртира Шайхмохьмад.— Тхайчул кхин а дукха жа долуш а, таронаш йолуш а нах ма бара кху юьртахь. Уьш, цхьаберш, битар, хье ца беш, тхо хьийзор - иза х1ун ду теша? Нийса дуй техьа иза?  Тхан нах а ма беллера х1ара керла 1едал доккхуш, кхо парг1ато, нийсо яларга сатуьйсуш.
— Муьлуш бу ахь буьйцуш болу кхин а сов уьстагIий,  даьхний дерш?- т1евирзира цунна хьаша.
       - Иза кху юртадена  дика хаа деза суначул а. Со нахана мотт бетташ лелла вац, — куьг ластийра Шайхмохьмада.
  - Д1аязва хьакъверриг оха д1аязвина хьуна. Шек а ма хила хьо, г1амг1амаш дора Самада. Т1акха, хьешана т1е а вирзина, хаьттира: — ХIара шиъ д1авахийтий вайшимма х1инца? Жоп ма дели ахь кхеран аьрзнашна.
— Вахийта, — эккхийтира г1алара веанчо, цергашна юкъехула туй а кхуссуш.
Кхин а дийхира Асвада а, Шайхмохьмада а, ма дахахьара шаьш а, шайн доьзалаш а бехк боцуш дакъаза, схьадалийтахьара оццул хала гулдина уьстаг1ий, бохуш. Амма хьаькамашна х1умма а ца хезара. Куьйла хуьлура царна шина стага дечу дехарех. |
Ц1авеанчу Асвада цхьа г1ийла б1аьра а хьаьжна, элира шен жимаха волчу веше 1абдурахьмане:
— Маржа кIант я1, ма дакъаза дехи ахь вай.
— Аса? Х1унда? — цецваьлла, гIайг1а хилла, хаьттира хIетта школера ц1акхаьчначу 1абдурахьмана.
— 1у латтийна мехах аьлла хьан багах девллачу дешнаша беш бу-кха вайна х1ара тешнабехк. Маржа я1! 1адда 1ийна хилла велара хьо баккхийчарна юкъа а ца лелхаш, бага а сацийна...
Гуттара а дагахь лаьттара  1абдурахьманна и г1ийла, декъаза дешнаш. Цкъа а ца еана и дешнаш дицделла, дог дастаделла хан. Цкъа а, цул т1ехьа д1аихначу шовзткъей итт шарахь.
   Асвадна а, Шайхмохьмадна а хетара цу гурахь а, 1ай а, Рахьим шен хирг шайна т1ехь дина ваьлла, аьлла. Давад иза вен аьтту лоьхуш лелаш вуй а хаьара царна.
    Сингаттаме доьдура и 1а.  Моьттура, б1аьстенца дуьненчу йовхо яржарца, х1уъа нисделла а, цхьана аг1ор цхьаъ д1анислур ду.


       Ма тамашена амал йолуш нах бу нохчий – машена чохь Тарзанан водитела ша д1авуьгуш, ойла йора Расула. – Пайда боцчу х1уманна т1ехь оьг1аз а доьлхий, я хьаг1 юьккъе юлай, люра мостаг1ий хуьлу, вовшен дайъал. Т1аккха, жима а там берг дахь, я хаза дош алахь, лала а лелий, д1адоьлху, вовшен даа санна дукха а дезаш.
       Цундела жимма а х1илла долчу наха нохчий атта, хаста а бой, 1ехабо. Т1евеана стаг, цундела, айвой, баьрче воккху. Т1аккха иза цу баьрчехь вахкавала х1утту, шех доллучу къомана а талу а хуьлийтуш..
      Х1унда ца хеа нохчашна вовшийн сий – ларам бан? Х1унда теша атта муьлххачу а провокаторах?
       Х1ун дика болх хилла имамашна, муьжгешна чекисташна а, большевикашна а т1аьхьа х1иттанчарна, церах а тешна? Х1унда ца хеа нохчашна шайн мехкан дай хилла, д1ах1итта? Х1унда декъаделла тахана а, цхьаберш Дудаевна т1аьхьа х1иттинай, вуьйш цунна дуьхьалбевллай? Мича дикачу балхе кхачор ду вай кху тахана х1оьттинчу суьрто?
      Нохчийчохь жуккарша бан кечбина кегари нохчийн дуьхьа боций хеара Рапсулна а, шеен дена Ибрах1имна сана. Хетарехь, кхи а дуккха а нахана а хеара. Делахь а дукхахаболчара кху кегаренах шена х1у пайда хир бу техь, бохуш ойланаш йора.  Г1уллакх мичча аг1ор керчича а шайн г1уллакх кхи дакъаза дала меттиг бац моьттапрш а бара. Шен хенахь Ленина ма-аллара, «Нам нечего терять, кроме своих цепей» (Тхоьгара д1адаккха х1ума дац, тхан боржалаш йоцурш) – ойланаш еш берш а бара. Уьш – гуттара а коммунистийн  1едало «шу шабашникаш!» - бохуш хьийзамйнарш бара. Х1инца, «перестройка» йолаелча церан «шабашкаш» а  йоьхнера. Цу балхана паччахьалкхо пачхьалкхенан колхозашний, совхозашний схьахоьцуш хилла ахча сацайнера, экономика рынокна т1ейолуш ю, аьлла. Цундела нохчий, дан х1ума а доцуш, сом даккха меттиг а боцуш, ц1ахь биссинера. Уьш кхо баь1а эзар гергга вара. Цареха бара, коьртачу декъехь, цхьана дикачу балхе сатуьйссуш, Соьжа-Г1аларчу майданашка д1агуллуш болу нах.
     Расулна шена-м болх мичча хенахь а хир буй хеара. Шеен дех, Ибрах1имах къахетара цунна, юьртарчу нехан дуьхьа колхозх къелхьара яккха г1ерташ, къийсалуш воллучу.
     Расулнас дагадаьхкира дукха хан йоццуш шен дас аьлла дешнаш.
     - Со нахана оьг1аз ца вахана хьуна, к1ант, сайна и нах дика бевзадела. Дукхахболчийн шайн бен г1айг1а яц, х1ара дуьне т1ек1ала далахь а. Вайшинна эхь ду иштта хилча, церах д1атарвелча. Вайшиъ Салам-Хьаьжин т1аьхьенаха ву. Цуьнан сий дойу вайшимма, ледара хилча…
    


     Т1едеара 1934 шо.
Давад ламанца мел лела, дехачу 1ано   юьртахь   яра  Полла.   Дийнахь нахах лачкъадора жимчу зудчо шен сагатдалар. Наггахь буьйса а ца йолура цуьнан б1аьргаша 1еночу хиша г1айба ца тIадош.
Наггахь мукъа ц1авог1уш хилча, де-буьйса а, к1ира а даккха аьтту хир бара цуьнан. Амма цо шена дихкинера, Рахьим вийний бен ц1а воьрзур вац ша, аьлла. Ша лоьхуш Асвада т1аъхьабахкийтинарш а бухабахийтинера, йинчу ч1аг1онна  юха волийла дац шен, аьлла.
Хала йолура цу шарахь б1аьсте.   Иштта   яхъеллачу шелонах «чилла остъяьлла» олура ламароша. Асвада сагатдора, муха 1алашдотехьа шайгара д1адаьхна устаг1й, бохуш. «Дийна мукъа дуй-техьа и жа? 1ахарйй ма шеллур ду, чоь йохъеш ца хилахь...»

         
— Иттех жий а эцна, духадолийчи   цхьа шовзткъа-кхузткъа уьсхаг1а мукъа лелабойтур барий-техь кхара, сагатлуш а 1елур вац царна т1аьхьалела 1еминарг, — элира цхьана сарахь, шен  яккхий калош а такхийна,   Асвад   волчу   чувеанчу  Шайхмохьмада.
- Дера леладойтур хир ду-кх шаьш бакълехь-м. Мацалла ле-ха ца бохи вайга кхара? — ши б1аьрг къарзийра Асвада.
- Колхозе довла ма боху вайга цундела. Колхозехь болх бича, доллу х1ума а, маша а баьтт1а хир ду боху, — схьакхайкхира сонехь дирста тоя г1ерташ воллу 1абдурахьман — Юкъахь хир ду боху уьстаг1ий а, даьхний а, говраш а.
— Дера вац со цуьнах дош жир моьттуш. Оццул деззашехь вешан долахь дерш а мел хала леладо уьш гуш дукха вайна. Юкъахь хилча мича лелор дара уьш? Юкъара х1ума дера хир ду некъайисте боьг1а кхор санна. Стом кхиъна а балале, генаш а кегдеш, лаьтташ болу. Э-э-э, маржа я1,— доккха садаьккхира Шайхмохьмада, — и хьаькамаш ю бохуш, д1ах1иттийна йолу мецигаш шаьш ехар йолуш а, нах бахор болуш а хилча, церан шайн керт-ков а, бахам а ларт1ехь хир барий х1унда ца хаьа техь кху мезгийн 1едална?
— Оцу д1адигначу уьстаг1ийн дола дан ницкъ кхачахьйра кхеран. Кхидерг-м цкъачунна хьехор а ма дацара вай, — юха а щениг дуьйцура Асвада.
— Нага хьайга пирсадатала г1о алахь, царна    т1ахьа лома , хьалаг1ур варий хьо? — вела а къежна, хаьттира Шайхмохьмада Асваде.
  — Вохийтар варий? — сихха хаьттира  Асвада, ойла еш а ца 1аш.
— Вохуьйтур вара, дер. Нахе колхозе дуьйла бохуш 1аш бац уьш?
 Асвада жоп ца делира.  Шайхмохьмад-м цкъа юха а кхийтира шен шичак1ант хаза меггарг сагатдеш хиларх.
Баккхийчара ен г1айг1анаш, церан сингаттаме ойланаш х1ора дийнахь а, суьйранна уьш вовах бетталучохь а дагах етталора жимчу 1абдурахьманна. Цуьнан дог 1ийжара школера ша кху ц1а вирзича. Берашца ловзуш лелар а г1еххьа д1ахерделлера. Цхьана соне охьа а ***й, г1ийла ладоьг1уш 1ара 1абдурахьман баккхийчара дуьйцучуьнга.
Ц1еххьашха ж1аьлеш летира. Масех дара уьш кху керташкахь дисина, жех д1ахаьдда.
-Хьажал ара. Х1унда лета техь уьш? — д1акхайкхира Асвад 1абдурахьмане.
К1ант не1аре г1оьртташехь, иза вухакхоьссира сихха, тоьпаш а карахь, чулилханчу милцоша.
— Меттаха ма хьалаш! Меттаха хьайначунна лаг оза йиш йолуш пирказ ду  тхуна делла! — мохь туьйхира, беха мара болчу милцочо.  Шайхмохьмад а, Асвад а хьала айвелира шаьш хевшина 1ачуьра. Х1ун дер ца хууш, боьхна лаьттара.
— Х1ун ду хилларг, х1инца мукъа? — воьхна, багаха иккхира Асвадан. Цуьнан а, Шайхмохьмадан а, 1адурахьманан а, дехьа чохь кхерабелла хьийзачу зударийн а дагахь дерг цхьаъ   дара:   Давада Рахьим  вийна, я цхьа ишттачух  терраниг дина.
— Же, сихо ел. Шайна т1е х1ума юхал, катоххе. Тхоьца д1адахка дезар ду шун!
— Х1унда? Стенга?
— Д1акхаьчча хуур ду шуна. Асвад, говр-ворда кечъяйтал оцу хьайн веше. Шина-кхаа денна тоьъарг юург а эца мегар ду шуна шайца. Т1еюха йовха х1ума а эца.
Тоьпашца баьхкинчара к1оршаме    дийцарехь а,  уьш цхьана  х1уманна карзахбевлла хиларехь а, даго хьоьхура божаршна х1ара дерриге а лаа доций.
— Стенга доьлху вай шина-кхаа дийнахь хан яккха? Дийца мегаш дац иза? Иштта къайлаха ду техьа иза? — г1еххьа хьаста а луш, дийхира Асвада.   
— Цхьанхьа-м т1ай ду тода дезаш. Колхозе ца язбелла нах берриге а д1агулбе аьлла. Шу а ма дац мегар, цхьа болх ца би¬ча, — жоп делира, оьг1азе къажа    а къежна,   беха мара болчу милцочо.
— Х1умма а дац, х1ета, т1ай тода дуьгуш делахь-м, — хаа а луш, екхаелира Асвадан юхь, — т1ай тодар-м, иза боккха маьл, хьаха, бу.
— Шу тоьпаш а айина ца даьхкича а, тхаьш а дог1ур ма дара тхо т1ай а, некъ а тобечу, — т1етуьйхира Шайхмохьмада, — х1инццалц а ца лелла тхо юьртан, мехкан г1уллакхашна юьстаха лелхаш. Говраша а, ворданца а эшначохь ахчанца а, уьстаг1ашца а, гуттара а дакъа-м лоцура, х1инца аш «кулакаш» бохуш ц1ерш а етташ, дерриг д1а а даьккхина, дакъаза даьхна хьийзадахь а...
— Тоийтал! Дитал къамелаш! — меттахвелира къона милцо, комсомолец,  — арадовла, кечам бе катоххай! Шу-м нехант классови мостаг1ий дай!
 Шайхмохьмад а, Асвад а цхьа а ца кхийтира  «классовый» бохучух. Цу кхааме а ойла йора, мича аг1ор т1е те1аш бу техьа и бехк? Муха валалур ва¬ра техьа цу бехкана к1елхьара?
«Классовый»  бохучух Асвад ша-тайпа кхийтира. Цунна моттаделира милцочо шена т1ехъеттарш ша школехь чекхъяхаза йисина классаш ю.
— Х1инца яьхча т1аьхьа хир ду и бухайиссина классаш? — Цхьа ларамаза хаьттира цо. Асвадан хаттарна духекхиъначу Шайхмохьмада а элира:
— Тхо жимий долуш-м, к1ант, ян а ма яцара я каласаш а, я ишколаш а. Хиллехьара, оьхур ма дара. Хъуьжаре а ма ихира. Деша а ма г1иртира. Тхан бехках дуйтехь и ахьа хоьттуш долу цхьадолу х1уманаш?
— Вот-вот — меттахвелира къона милцо, — аш хьуьжарш  ма яьхна. Цундела ма ю шу акха тентигаш! Цундела ма бац шух тешам Советан 1едалан!
Цу хабаро дикка дог-ойла йожийра кхаа къонахчун а, дехьа чохь, лерг диллина ладуьйг1уш 1ачу зударийн а. Х1ундда тешахь а, цу милцочо дуьйцучух алсам тешара ладуьйг1уш лаьтта 1абдурахьман. Цунна къахетара шен дех, вешех, дешичехь. Делахь а, х1инца хуьлуш дерг иштта хила дезаш санна хетара. Милицин белхахойх ч1ог1а тешарна, цара шен да а, дешича а, ваша а эрна ца хьийзаво, аьлла а хетара.
Дагадог1у 1абдурахьманна мел ца лууш, хала д1аюьйжира Асвада говр-ворда. Мел дог ца дог1уш хиира дешича Шайхмохьмад цу ворданна т1е.
Т1уьна де дара иза. Даккхий лайн чимаш эга дуьйладеллера. Бардал 1аьза олуш дерш. Сингаттаме хьуьйсура царна т1аьхьа маь1маь1не д1ах1иттина зударий, бераш.
— Уъш стенга буьгуш бу? — хоьттура лулахоша.
— Т1ай тода,— доцца жоп лора зударша.
— Шек-м бара берриш а, иза бакъхиларх. Тоьпашца 1едал т1аьхьа а дог1ий, ма ца буьгура х1инццалц т1ай тода а, некъ тоба а, кхечунхьа белхех а.   
Цу дийнахь а, буса а юьртара кхиболу нах а къеста а беш, райцентрехьа д1абига болийра. Д1авигира Поллин да Шомса, кхиберш, берриге а «кулакаш» бу аьлла ц1ерш мел тоьхнарш.
Лаххьийна, божарий д1абигначул т1аьхьа, де-буьйса бен юккъе ца долуьйтуш, д1алехьон болийра церан доьзалш а. 1оьхучохь, дажа д1адахаза дисина бежанаш дуьсуш, не1арш къовлаза ц1енош дуьсуш, г1уйболлаза кевнаш дуьсуш, д1аяза, кхерчахь ма йоггура ц1ерш юьсуш, инзаре харцонца, бехк боцуш эвлаха бехира итаннаш доьзалш. Юьхьанца жа д1адигна, т1акха дай д1абигна, леташ, уг1уш, керт май-ю д1асауьдура жен ж1алеш.
Мича буьгу, меллалц буьгу — х1умма а ца хаьара юьртахошна а. Новкъа-м хетара дукхахболчарна ц1ийнах  а, ц1арах а баьхна, нах д1абуьгуш. Делахь а, шайн карахь х1умма а дац, 1едална дика хаьа-кх дан дезарг— иштта яра   дукхахблчийн ойланаш. Таро йолчу нахаца хьаг1 хилла писаш-м яккхийеш хьийзара.  Цхьацанхьа вовшахкхеттачахь цара иза лечкъа а ца дора.
Уьш бара шайн дайшкахь дуьйнна цкъа а баха да г1иртина,  миски лелла нах, цхьаццанхьара т1ебаьхкина, тайпанаша т1елерина нах. Бакъболчу нохчаша «нах боцу нах» олуш берш. Ишттанаш т1ебовлу замано харц ха харцучу заманашкахь.
Цхьана буса юьрта кхечира Давад. Шена хезначух ца тешаш, х1ораннан а керта иккхира иза. Шен вешин, Шайхмохьмадан, Шомсин доьзалш ца карайра. Уьш бацара. Лаххьийна д1абигнера. Х1унда? Мича?! Божарша белшаш сеттайора,  б1аъргаш лаътта а хьежош. Зударий, белха а боьлхуш, мара бетталора, к1ентан бала жим-жима д1аайба санна.
      Мохь беттарх, д1асаидарх, воьхна хьийзарх, хила г1олий яцара! «Рахьим... дер ма дац хьо зуд сан карара, суна чохь са а долуш! Веза Дела, ас х1ара харцо, х1ара бала цу стагана мукъа д1абеккхалц аьтту бехьа сан!» — Деле кховдийра Давада шен дехар.
Сихха говра а хиъна, ламчу боьдучу, хьийзачу новкъахь д1авайра иза.
Кулакаш бу аьлла ц1е тоьхна, генна дIабига кечбечу нахе буьйсанаш йохуьйтура райцентрехь. Зударий, берашший дерраш а маьждига чу доьхкинера. Божарий - милицина хьалхарчу масех де хьалха кулак вина араваьккхинчу цхьана стеган ц1енош чохь  бохкура, кор-не1 д1а а къевлина, го баьккхина салтий а х1иттийна.
— Полла бохург мила ю шуна юкъахь? — маьждига чу веара цхьа милцо. Цхьаццаболу зударий, церан божарий кара ца баьхкинарш, ле а беш, бухабохкуьйтура. Полла а яра шек, ща х1инци-х1инци Давадах лаьцна хеттарщ дан д1акхойкху-кха, бо¬хуш.
Шен ц1е йоккхуш хезча, сихха т1ехьа йирзина, охьатаь1ира иза, коьртара корталий юьхьа т1е а узуш.
— Муьлха ю Полла бохий аса-м! Яда-м ца едда иза кху чуьра? Иза еддехь, цуьнан да Шомса ирх уллур вуй хаьий техьа цунна? — т1ечевхира милцо, ша иштта аьлча, йо1 йистхир юй хууш.
— Ца едда! Со ю. Со ю Полла, — хьалаиккхира йо1.
— Елахь, х1ун деш 1а хьо йист ца хуьлуш, бух1а санна, юса а елла? Хьалхаялал сихха. Допрос ю ян езаш.
Шега г1ийла схьакъерзачу зударшка кхерабелла шиб1аьрг а хьажийна, араелира Полла.
Цхьана готтачу, тоьла санна 1аьржачу чу Полла а яьккхина, не1 д1ач1ег1ира милцочо. Цхьа вон ц1ийза а деш, аьчгачу не1арна дог1а туьйхира. Полла, кхераелла, цу не1арна улло д1алетира:
— Х1ара д1а х1унда къовлу ахь? Со кху чодь х1унда юьту ахь?
— Кестта хуур ду хьуна. Самукъа дер ду хьан х1инцца. Хьа-хьа-хьа! — ца вашарца, велавелира милцо.
Йоккха хан ялале не1ара улле цхьаъ веара. Поллийна хийтира иза тебаш, г1ара ца вала г1ерташ вог1уш санна. Ша кху чуьра араялийта, шена г1оьнна вог1уш санна.
Меллаша даьккхира цо догIа схьа а. Чоьхьа велира. Поллина вовзале, тIехьа вирзина, ч1агарца  не1 д1акъевлира.
— Хьо мила ву? — кхераелла, хаьттира Поллас.
— Со дага ца вог1у хьуна? — схьавирзина, къежира... Рахьим.
Полла кхераелира.
— Ахь х1ун до? Хьо стенна веана кху чу? — йоьхна хьаьвзира жима зуда.
— Кхера ма кхера. ГIовг1а ма е. Ас хьуо ерна – м ца кхоьру хьо? Цу зударшний, берашний юккъехь, готтачу маьждига чохь йоллучул, кху чохь буьйса яккха атта дац хьуна? Со-м хьуна диканиг дан г1ерташ ма воллура,— лепара цуьнан мецачу ж1аьлин санна болу беса ши б1аьрг.
      — Х1ан-х1а! Ца оьшу! Д1аяхийтахьа со царна юккъе!— мохь элира Поллас.
— Ц-с-с! Ма е  г1овг1а, хIай I овдал! Айхьа мел мохь хьекхча а, кху чуьра суна лиънарг хиллачул т1аьхьа бен хьуо ер йоций ца хаьа хьуна? — т1еволавелла, г1одаюьккъера жимам зуда схьалецира цо.
Доггах Рахьим д1атеттина, юхаэккха гIоьртира Полла. Шен ницкъ ца кхаьчча, шена чуьра ма боллу мохь хьаькхира.
— Хийла мохь ихна хьуна, йо1, кху чуьра! Цхъана а дена орца ца кхаьчна хьуна кху чу! Ма е цулла а г1овг1а. Тоьлу хьуна, бертахь дайта вайшинга ваьшшинан г1уллакх. Цхьаний а дена хуур ма дац иза, х1ай 1овдал. Ахь мохь а хьекхна, нахана д1ахезча-м хьан а, хьан майрачун а, хьан нехан а массеран а сий ма дов! Шайна динарг д1адекха-х хьан нах боьрша а бац! — Поллина т1ерачу бедарех тийсалора Гаджиев. Корталий юьстах кхоьссинера. Кучан чет дат1ийна, некха т1е кхийдадора Рахьиман даь1ахкаш санна ира куьйгаш.
Куьйгах шен доггах цергаш йоьхкина, мохь алийтира Поллас Рахьиме. Лазийгна къоннаха хъалхачул а ч1ог1а дарвелира.
     —Х1инца-м хала а хьаха дацара хьоьца дийца! — хьалаиккхина, чухула цхьа бехчалг лехира Рахьима. — Иштта бехчалг 1ийна хьуна Давадан багахь а! — аьлла, йоIана гIода юккъе т1е а хиъна, шина бесне т1е п1елгаш те1ош, моччахалш вошахдехира цо. Т1аккха багайоьллира и боьха горгам.
Поллин ницкъ ца кхочура дуьхьала тийсаяла.
— Х1окху маьнганна т1ехь сакъийрина хьуна хьан  Давада а.
И дIогара детта ц1еш гой хьуна? Уьш цуьнан ц1еш ду хьуна, — хьуьхьвоьлла воллура Рахьим зудчунна т1ехь мел йолу х1уманаш д1а-йохуш...

* *
Буьйсанна юккъехь, массарна а набарш кхеттачу хенахь пхьарс а лаьцна йигна, маьждига чохь болчу нахана юккъе, цхьана соне охьахаийра милцочо Полла.
Шоллаг1чу дийнахь зударша дечу хеттаршна жоп ца лора цо.
«Йиттина-кха цунна, Давад т1е х1унда ца вогIу, бохуш», — хьесап дира цара.
Мацца а шаьш йоккхачу, шийлачу вагона чохь махкаха даьхна, гена д1адуьгуш, шен йишин Чиллин кара корта а биллина, йоьлхучуьра ца соцуш хан яьккхира Поллас, цхьаьнаберш иза кхетамха яларна а кхоьруш.
Вагон-м, д1асаетталуш, д1аг1ертара гена, гена. Воьлхург мила ву а, воьлург мила ву а — цуьнан бала бацара.  Вагоначул башха, кхин дог дацара т1е тоьпийн юьхьигаш а ерзийна, уьш генабохуш бог1учеран а.





     Президента Дудаевс а, цунна уллобевллачара а лелочух дукха ойланаш йинера Ибрах1има. Схьах1уьттучу суьртехь, къоман парг1ато, суверенитет дукха йийцахь а, цу суверенитетан ахчанца а,экономикайца а, политикайца ма а бух буттуш лелош х1уманаш к1езиг гора цунна. «Россица парг1ато къовсуш хилча, мича арахьарачу паччахьалкхашца барт бу вайн? Хьан бакъйийр ю и вайн суверенитет? Кхана 1уьрре Россис бакъйолу блокада йича, адамаш муха кхаба бохку х1орш? Цу денна вовшахъетташ х1у торонаш ю кхеран? Я герзах тоам бан бохку? Т1ом безаш лела х1орш? Хьанна, х1унда, стена оьшу и т1ом? Нохчий – м цу т1амо хьаьшна д1абохур ма бу…
     Ойланаш дукха мел ен, Дудаевна т1екхача алсам леара Ибрах1имна.
     Президентана т1екхача башха хала а ца хиллера. Цхьаммо а дуьхьало а ца еш, хецнна приемни чу вахара Ибрах1им. Цу чохь, не1ара уллохь ши къонаха лаьттара кочахь автоматаш а йолуш
    - Салам 1алайкум! Жовхарца г1уллакх даракха сан, - вистхилира иза хадеш лаьттачаьрга.
     - Х1инцца секретарша араер ю хьуна, цуьнга алахьа, - жоп делира цхьахуволчо.
     Духа ца11аш секретарша араелира.
    - Хаза йо1, Жовхар волчу чу ваха мегар дуй?
    - Хьо мила ву ала ас цуьнга?
    - Ибрах1им ю сан ц1е. Колхозан председатель.
    - Д1оге охьалахлохьа. Ас чуяхча хоттур ду хьуна.

    - Ассалам 1алайкум, Жовхар! - геннара салам а дела, чоьхьавелира Ибрах1им.
    - Ва1алайкум салам! – доккхачу стоьла т1ехьра хьала а г1аьттина, шена хьалххе вевзаш хиллачу накъостана санна дуьхьалвеара президент. – Схьавоьлла, охьахаал. – куьг хьажайра цо шена дуьхьал. – Х1у ду колхозехь? Х1инца а дийна ю шун колхоз?
    - Цхьацца бахьанасш леладо оха, йоьхна д1а ца яхайта г1ерташ. Тхайниг бен йиссана а яц боху кху республикехь а. Нахана жима мукъа белхаш хилайта г1ертаракха.
     - Белхаш а хир ду, дерриге а хир ду, Ибрах1им, цкъа х1ара бала вайна кочара балахь. Ас муьлха бала буьйцу хеай хьуна? – уьдура жовхаран нодарчий санна горга, 1аьржа б1аьргаш.
    - Муьлхарниг?
    - Росси боху бала. Вайн республикайна голоцуш буй хеай хьуна уьш? Дег1астан аг1орхьара чутатта кечъйина ю танкийн полк. Моздок улло оьзна МВД дивизии. Уьш забарш лелон дагахь бац. Забарш лело дагахь бац… -шозза элира Жовхара.
    - Со – м цхьацца х1ума хатта, дагавала веанера, - шениг долайра Ибрах1има.
    - Дерриге а дика хир ду вай 1адда дитахь. Дерриге а дика хир ду. Амма вай цара дуьтур дац. Дуьтур дац. Амма вай а 1ийр дац царна ма моьттура. Вайгахь герз ду. Пускай сунутся. Вай и марош отур ду церан. Вайн к1ентий бу. К1ентий бу, юха а беврбоцуш! Царна моьттург хир дац!
     - Т1ом хир бу те? Ша деанарг а дицделла, г1айг1ане хаьттира Ибрах1има.
     - Т1ом хир бу. Т1ом хилча бен вайна парг1ато а лур яц. Т1ом хир бу… - корта лестабора президента. Ибрах1има ойла йора: «Бакълуьйш ма хилла и нах, х1ара ларт1ехь вац, бохуш. Я нахана ца хуург хеа кхунна? Шех б1обулуш лела х1ара?
       Х1ан – х1а, ларт1ехь вац. Ларт1ехь хилча, «хьо вар х1у бахьана ду? Ахь х1у леладо? Соьгара х1у оьшу хьуна, аьлла, вистхир вацара х1ара? Ткъа кхо дуьйцурш х1у ду шена дуьххьара бен гуш воцчу стаге»?
    - Жовхар, нахехь г1ело ю, - сихха ша деанарг дийца г1оьртира Ибрах1им, - 1957 шарахь Казахстанера ц1адирзичахьанна дан белхаш доцуш, г1ело ю нахехь. Лаьмнашка, к1отаршка уьш юха ца берзайтира, заводаш, фабрикаш ца ехкира. Кху Грозне балха а ца оьцура. Цу Россица эг1а а ца эг1аш, цуьнга вайна заводаш, фабрикаш яхкайтича дика хир дацара?
     - Вай д1акъаьстина Россех. Вай ваьш йохкур ю вайна шортта заводаш а, фабрикаш а! – реза ца хилира президент Ибрах1иман къамелах.
     - Вай д1акъаьсташ хилча, мила ву вайна г1одеш? Турции ю, Европа ю, 1арбий бу, Америка ю? Вай ваьш тасадаларх тоьлар дуй вай Россел? Цул сов, Росси вайна т1елата кечлуш ю, ма боху ахь, вайн таронаш, ахча, рицкъа дуй цу балхана 1алашдина? Ас хеттарна бехк ма биллалахь, со сайн дог лозудела веана хьуна.
     - Къоман шен къайленаш ю, - сихха жоп делира Жовхара. – Уьш массаьга а д1айийцича церах къайленаш ца хуьлу. Шек а ма вала, вай кхералур дац.
     «Бере санна до кхо соьца къамел. Г1уллакх хир дац ас деанчух - сихха дагадеара Ибрах1имна, - д1аваха веза со, хьала а г1аьттина».
     - Дика ду вайн къайленаш йолуш. Цхьа йист ялахьара кхуьнах, нах кхоччушэвхьаза бовлале. Хала хир ду вайна, нагахь къам эвхьаза далахь.
     Президент цу дешнех, гарехь, ца кхийтира. Ибрах1им меллаша хьалаг1аьттира, аравала дагахь.
      - Со араволу. Баркалла т1еэцарна а, ладог1арна а.
      - Маршалла ло соьгара хьайн юьртахошка. Шеек д1а ма довла, ала. Бакъо вайгахь ю, вайю ха а девр дац!
      - 1адика йойла, - меллаша хьалаайвелла, аравелира председатель. «Ма боккха бала хила мегаш бу кхуьнах. Ма декъаза ду вайн г1уллакх цу шизофрениках тешна делахь» - ойла йора цо.
     Президентана гонахьа болчара лелораг гуш дара массарна а. Нефтепродукташна йохка квотанаш йоху, бохуш, к1ур бара хьовзайнарг. Шайна цкъан а ца гинчу кепара даккхай ахчанаш гинера цхьаболчу нахана. Кху сохьта катоьхна, сихха шаьш буьзчахьанна, кхи х1умма а ца гора царна. Дудаевс юьйцучу суверенитетах а ца бешара уьш, ма – дара аьлча.
     Буьджетни организацешна, министерствошна мехкадаьтта дохка бакъо луш, квотанаш екънера Дудаевн правительствос, республикан бюджетехь ахча ца хиларе терра. Х1инца цу организацийн а, министерствонийн а куьйгалхой и шайна дела мехкадаьтта сихха д1адохка г1ерташ, кхи шайн белхан цхьа а бала болуш бацара. Я цу мехкадаьттинах схьаэцна ахча шайн белхалошна д1акхачайта сихбелла а бацара.
      Лакхахь болчара цу квотанех каеттара, лахахь болчара светан 1едалах йиссанчу складашкахь, базашкахь 1уьллу товар д1аидадора. Кхи а бухахь болчара т1ехюьйлу поездаш а сецош, цу т1ера товараш идадора, уьш идайна бевлча, эчигнекъат1ера рельсаш, шпалаш лечкъайора. Царел а лахахь болчара нахана къолаш дора, нах байаш, цаьргара машенаш, квартираш схьайохура.
      Акхадолуш лаьттара адам. Акхаболуш лаьттара берриге а мохк а. Цу доллачун а бахьана цхьаъ дара: нах ца тешара Россис парг1ато а елла, Нохчийчохь шен пачхьалкхе х1уттур ю, бохучах.
     «Ваннах, Жовхарна ца готехьа х1ара дерриге а? – ойла йора Ибрах1има. – Кхоччуш галваьлла вутехьа иза? Бакъдутехьа цхьаболчара иза коьртаца гал а ваьлла, армера комиссовать вина ву, бохург, х1ара иштта волудела, жуьгташа 1еха а веш, лелош ву, бохург? Кхуьнан х1усамнана а йолчух тера ма мду цераха…

 
Чу олучу станце уллохь 1уьйранна ц1ерпошта тIера охьабехира бохийна балийнарш. Цхьа лекха гонаш а долуш, мажараш олу яккхий ворданаш яьхкинера ц1ерпоштана дуьхьал, нах д1абига. Вагона чуьра хьалха охьавоьс-воьссинарг т1е хаавора мажарашна. Т1е тарбелларш а эцна, ворданаш д1аюьйлаелира. Шина ворданна т1е тарбелира  Асвад а, Шайхмохьмад а, церан доьзалш а.
Ворданаш д1аюьйлаелира, хоттан шаткъахула гал-гал а лелхаш. Ги тоьпаш а тийсина, говрашкахъ улло ваьллера иттех салти.
— Ваша, вай стенга дуъгуш ду? — юха а хаьттира 1абдурахьмана, шийлачу, боьхачу вагона чохь ша мосуьйттаза хаьттинарг.
— Д1акхаьччахьана хуур ду-кха вай стенга дуьгуш ду а, — жоп делира вешо, хьалка ша ма даллара.
Ло дешначу к1айдаргашна т1ера 1а г1уьттура. Б1аьрго ма лоццу шера аренаш. Цхьа дитт, цхьа колл, цхьа гу, цхьа лам боцуш.
— Иллах1и веза Дела, ма доккха хилла-кх х1ара дуьне, — кор¬та а лестош, элира Шайхмохьмада.
— Кхузара-м вай цкъа духадерзахь тамаша бу, — елхар иккхира цуьнан х1усамнене, Дагмане.
    — Дала диннарг хир ду. Дала дерзадахь, духа доьрзур ду,  Дала ца дерзадахь доьрзур а дац. Делехь букха вайн болх. Дала динчунна реза ду-кха вай, — доггах элира Асвада.
—Хаьий техьа Давадна, вайн ц1ахь бисинчарна, вай мел гена дохуш ду? — лере таь1ира Макка шен йишийна Мединина.
— Царна х1ун хуур ду? Цаьрга хьан дуьйцур ду вай мича дигна?
— Со-м вай новкъадаьхначу дийнахь дуьйна до1анаш деш ю Деле доьхуш, вай духадерзадахьара, бохуш.
  — Со а ю.
— Жоп лур дац-техьа цо вайн до1анашна? Вай цхьа а вон х1ума ма ца динера?
— Лур ду. Дера лур ду. Со-м теша. Дела дика ма ву. Давадна  а хумма а хир дац. Иза а к1елхьара воккхур ву Дала.
— Дала мукъалахъ!
Улло а кхачале, геннара д1а б1аьрг кхийтира бохийна балочеран цхьана лохачу, ехачу г1ишлох. Кестта ворданаш царна уллохь совцийра. Кхо салти шайн говрашкахь хаьхккина, цхьанхьа-м вуханехьа вахара.
Лоха, деха божала дара иза буьйдачу кибарчигех дина, тхов
т1е йиллина поппаран ц1енкъа а йолуш. 1абдурахьман цецваьллера:
     — Ваша, оцу т1ера латта даша ца до дог1а деача? - хаьттира цо дега, цу божалх шен б1аьрг кхетташехьа.
— Бекъа мохк хир бу х1ара. Гой хьуна, гонахьа хьун а, кондаргаш а, х1умма а яц. Дог1анаш к1езиг оьхуш хир ду кхузахь, — доккха са а даькхина, жоп делира Асвада.
— Ваша, вай гуттара а 1ийр ду х1инца кхузахь?— хаьттира 1абдурахьмана. И хаттар массарна а хезира. Цхьаммо а жоп ца лора. Мажар олучу йоккхачу ворданна т1ера шаьш охьа ма диссара, божална уллохь лаьттара ламарой. Туьна б1аьстенан х1о детталора церан декъазчу яххьех. Х1ун дохьу цу керлачу мохо? Х1ун хьоьху т1ейог1учу б1аьстено, карзахъяьллачу замано? Жоп дацара. Хетара, д1о йистехь цхьаммо-м делла боча б1араш дууш, ги топ а, тесна лаьттачу салтичунна дерриге а хууш санна. Лаьара иза хьаста, берта вало, цунна шайн мел хуьлу дика болх бан. Стрелок олура цу салтичух наха. Асвада а, кхечара а цуьнах «стирлок» - олий ц1е йоккхура. Цераха цхьаъ Кавказера  дуьйнна кхаьрца схьавеана вара, кхеран ха дан.

— Оьрсийн мотт г1еххьа хууш верг 1абдурахьман вара. Иза школе ихнера жимаволуш доьнна.

        Уллохь гуш кхин цхьа г1ишло ца хиларехь и лаьтта ладарша пенаш т1адийна божал даьсса хиларехь а кхийтира схьабалийнарш шайга, меллац 1ахь а, кху чохь д1анисло эр дуй. Делахь а, корехь кор ца хиларо, чуьра уьсгаг1ийн г1ий д1абаьккхина ца хиларо, ерриге г1ишло а цхьа декъаза, ах лаьттах а яхана, т1екхетта йоллуш хиларо б1о ца булуьйтора цу чохь дехар ду а, дахалур а ду аьлла, ойла ян.
— К1ант, хаттахьа оцу вайца схьавеанчу Стирлоке, схьакхаьчна девлла вай, я кхечунхьа д1адуьгур долуш ду кхузара а? —элира  Асвада 1абдурахьмане.
Улло вахна, вела а къежна, хьаставелла, 1абдурахьмана хаьттира:
— Эта наш дом будит?
— Нет, вас на курорт повезут, — т1ечевхира стрелок. Т1аккха, ша аьллачух г1адвахана, велавелира — Что, кулачье, не нравит¬ся? Думали, дворцов тут вам понастроили?!
Цо аьллачух кхета лууш, б1аьргаш къаьрзинера ламаройн. «Х1ун эли цо?» — хоьттура массара а.
— Цхьанхьа-м куролт ц1е иолчу д1адуьгур ду боху кхузара.
Кхузахь вайна ц1енош дан лара ца бина боху, — гочдира 1абдурахьмана ша ма кхеттара;
      - Вела стенна воьлу ткъа х1ара? Х1ун хазделла кхунна? - реза вацара Асвад. Цо, аьллачух кхетча санна, стрелок т1ечевхира:
— Кончай пялить моргалами. Ну-ка за дело! Видите кучу соломы? Затаскивайте в кошару, спать на нем будете!
Шаьш аьлларг ца деш, х1орш бухаг1орта дагахь болуш санна, дехьа цигаьрка узуш лаьттина салтий а т1ебирзира чапг1анаш д1асатоьхна, тоьпаш а кечъеш.
Цара динарг ца тайна, цхьа вон дегадш 1аьвжира схьабалийначийн. Садуткъделлачу Заидате, кхераелла, мохь белира. Елха йолаелира Шайхмохьмадан х1усамнана Дагман а. Шайн наношна улло те1ара кхерабелла мехкарий, бераш.
-  Х1ун боху цара? — хаьттира  Асвада 1абдурахьмане.
— Д1огара ча чу хьо боху оцу божалшна. 
— Вуй, хьур духа, хьо бахахь, т1е тоьпаш а ерзийна ца хьийзийча а. Д1аалахьа оцу вайца веанчу стирлоке, вайн кхузара  девдда даха меттиг а яц. Вай цара боххург дийр ду. 1е бахахь, кхузахь а 1ийр ду, г1о бахахь оцу Куролт бохучу метте а г1ур ду, х1ара зударий ма кхерабе алахьа оцу къонахче, - элира Асвада шен веше.
      1абдурахьман шена хуучу кепехь шега аьлларг   д1адийца  г1оьртира.
      Салтий кхин а ч1ог1а марсабевлира. Улло   лилхина,   тоьпийн юьхьигаш 1уьттуш, меттахбаха г1ертара божарий, зударий. Кхоччуш кхераделлачу берашка шийла мохь оьхура. 
— XIай Дела, устаз, пайхамарш, шу гуш ду-кх оха х1инццалц мел диттина са! — аьлла шен чуьра ма боллу мохь а тоьхна, т1екхетта, оззийна салтичуьнгара топ схьаяьккхира Шайхмохьмада. Шоллаг1чу салтичо лаг озийра. Цо кхоьссинчу тоьпан даьндарг Асвадан г1ог1ах яхара. И даьндарг а йицйина, т1екхеттачу Асвада жима, вуьрх1итта-берх1итта шо бен хир доцу салте чано сана  бухаваьхьира. Кхоалг1аниг а, «Стирлок» аьлла ц1е тиллинарг, шен топ юьйлина валале, Асвада лаьтта вожийра, топ схьа а йоккхуш.
 Божаршна г1о деш, т1****табелира зударий а, мехкарий а.
— Лаза ма велаш цхьа а, вен ма велаш! Куьйгашший, когашший д1а а дихкина буьтур бу вай! — мохь оьхура чевно г1елвеш лаьттачу Асваде.

Цу сарахь кхин а масех мажараш т1ехь  кулакаш бина нохчий а балош, божална улло баьхкина хьаькамаш, салтий, цецбевлла бисира.  Дукха ч1ог1а цецбовларна, цаьрга кхин х1умма а ца алалора: «Это что?!» «Что это такое?!!» — бен. Шайхмохьмадна а Асвадна а моьттира цара божална уллохь, ча т1ехь бихкина 1охку салтий муьлш бу бохуш, хоьтту.
  -  Это два солдат. Это вот стирлок, — т1е п1елг хьажийра 1абдурахьмана х1оранна а. Бихканчарна гена йоццуш, божалан пенах хьала г1ортийна церан кхо топ а лаьттара. Бихкинчара цхьаъ-м дуьйцуш, мохь хьоькхура.
Цхьа деха чоа долу, оза къонаха г1оьртира хиллачун духе кхиа. Баьхкинчу салташа, юьстах а лелхийна массарна а т1е тоьпаш лаьцнера. Улло а вахана, т1е а чийхаш, цо цхьаъ-м хоьттура бихкина 1охкучаьрга.
 Улло ваханчу 1абдурахьмана элира деха чоа долчуьнга:
 — Этот  нас  убивать  хотел. Он стрелял мой брат.
 Когах топ кхетта, чохь 1уьллу Асвад шена гича, деха чоа дерг кхоччуш оьг1азвахара. Бихкинчуьра    кхин схьа а ца бостуш, кхоь а салти а мажара чу а виллина, юханехьа д1а вахьийтира цо.
Ворданаш т1ехь цу сарахь а, шоллаг1чу дийнахь а схьабалийнарш везткъаннал сов стаг вара. Бераш, зударий, баккхий нах. Цаьрца т1аьхьавитина хилла Шомса а, цуьнан ши йо1- Полла а, Чилла а, кхиболу доьзалш а гича хазахеттера кхарна.
Пенашна улло а тебаш, юрг1анашна, вертанашна юккъе лечкъаш, шийла буьйса яьккхира наха. Мажарашна т1ехь рог1- рогг1ана набарна а таь1аш, ха деш лелара салтий. «Пекъарш, ма къа дукх церан. Чу баьхкина, вайца аг1ор х1унда ца бовлу техь уьш?» — дагахь дара цхьаболчарна. «Меца буй техьа уьш? Юург кховдо езара цаьрга» — дагахь дара вукхарна.
    Шоллаг1чу дийнахь 1уьрре цхьа кхин ворда еара т1ехь дуккха а белаш а, масех ведар а, жимма дечиг а, цхьа галий 1аьржа дама а дахьаш. Цу ворданца вухавеара селхана д1авигна «стирлок» а.
    Цу дийнахь кхетийра бохийна балийнарш шаьш дан дезачух. Поппаран кибарчигаш яра ян езаш. Юккъе кхин хан ца юлуьйтуш, иттех стаг д1ах1оттийра кара белаш а елла, гена доццуш охьадог1учу хи т1ера схьа апареш даха. Апари чухула хи а далош, латта а охкуш,  т1е говраш а хьийзош, поппар бара бан безаш.
Генна аренгара дахкадала доладелла ча а кхоьхьуш, мажараш юттай, поппарб бан кечам болайра нохчаша.  Еана, кибарчигаш ен кепаш а, носилкаш а охьаехкира. Цхьа горга чуьйна яй а беара чохь юург ян.
Асвадан г1ог1ах кхеттачу тоьпан даьндарг схьаяьккхира салташа валийначу лоьро кхин а ша т1еван цхьана дийнахь хьевеллехьара, г1ог1 д1адаккха дезар дара, бохура.
Дукха ц1ий д1аихна, мажвеллера Асвад.
— Жижиг даа 1емина волу иза, атта то а лур вац хьуна вайн г1ийлачу юуче хьаьжча,— г1айг1а хиллера Шайхмохьмадна.
— Эца уьстаг1а х1ума карор яцара техьа кхузахь? Шай-кай ма яра вайгахь жимма, — элира Асвадан х1усамнанас.
Шоллаг1чу дийнахь мажара лелочу цхьана казахе дийхира цаьршиммо, миччара лахий а, устаг1а лахахьара, аьлла. Казах юьхьанца  реза ца хуьлуш, ч1ог1а цецваьлла хьаьвзира. Делахь а, схьакхийдон алссам шай-кай гича, реза хилира.
К1ира герга хан елира казаха х1инций-х1инций бохьу ша уьстаг1а бохуш. Асвад денна г1еллуш   лаьттара.
 Цхьана суьйранна юьстаха ваьккхира казаха 1абдурахьман, схьаэца ворданна т1ера уьстаг1а, аьлла. Хазахетта, д1ахьаьдира к1ант. Цунна ца хаьара ща тергалвеш стрелок лаьттий. Уьстаг1а охьаоьццушехь, т1евеара цунна иза, т1е топ а йог1на.   
-   Охьабиллал уьстаг1а! Хьан беана х1ара? Ахь беаний? — т1евирзира иза казахана.
— Ас беана…  кхара ахча ма деллера, — п1елг хьежабора цо 1абдурахьманна т1е.
— Лачкъабей, уьстаг1а ба аьллера хьоьга кхара?
— Лачкъийна ма бац иза. Эцна ма бу ас иза...
Салташа уьстаг1а д1абаьккхира. Я казахан а, я нохчийн а дан х1ума дацара.
—Ший а набахти чу волла д1авига везара шуьшиъ!—т1ечийхара салти Шайхмохьмаднай, 1абдурахьманнай.
«Набахти» олуш хезча-м ший а дукха ч1ог1а реза хилира и уьстаг1а д1абала.
Шен вешина уллора д1а ца волура 1абдурахьман а. Дог 1ийжара жимчу к1ентан.
   - «Ваша, г1олий яц хьуна?» — кест-кеста хоттура цо.
           -  «Ю. Дера ю. Х1инца дикка г1олий ю», — вела къежий, жоп лора Асвада..

* *
     Масех де делира, Махкаха баьхна, сагатдеш хьийзачу наха шаьш бен болх доггаха бора. Хетара, бечу балхо харцоно карзахъяьккхина дог-ойла та1ош санна.
Сарахь барака чу цхьа йа1 еара, коьртах доккха корталий а хьарчийна, пхьаьрса к1ел дуккха а книжкаш а йоьхкина. Стрелокаша берриге а нах а, кегийнаш а, баккхийнаш а, т1егулбира.
Барака чохь нах маь1- маь1не охьахевшина бевлча, йо1а дийцира:
— Сан ц1е Людмила Васильевна Сафонова ю. Со шун хьехархо ю. Ас 1амор ду шуна язда, деша. Массарна а. Кегийчарна а, баккхийчарна а. Кавказехь школехь доьшуш хиллачаьрца шайца къаьсттина болх бийр бу ас. Цаьрга яла жимма книгаш а еана. Дийцал, мила ву шуна юккъехь Кавказехь школехь доьшуш хилларг?
Кегийчара куьйгаш айдира. Царна юкъахь 1абдурахьман а вара. Людмила Васильевнас массо а д1аязвира, уьш мосалг1ачу классашкахь хилла а билгалдаьккхира.
— Шуьшиъ яцара школехь? Ашшиммо деша, а ца дешна? — елаелла, т1еяхана, хаьттира Людмила Васильевнас Маккийга а, Мединийга а.
— Охашимма дешна. Пхиппа класс яьккхина, — эхь хеташ, элира Маккас.
— Язда а, деша а хаьий шуьшинна?
         - Хаьа, — корта ластийра Мединас.
        — Кхид1а деша лаьий шуьшинна?      
          -  Лаьа, - цхьаьна кортош та1ийра шина йо1а, кхоьруш 1абдурахьман волча агIор д1а а къерзаш. Цо-м  хумма а ца элира.
           -  Х1ун боху оцу йо1а? Х1ун дуьйцу цо? кхета лууш хьаьвзира лозучуьра г1ог1  гIеххьа  сецна, т1е бос  бан  волавелла Асвад.
           -  Хьехархо ю ша боху. Вайна деша а, язда а 1амор ду ша боху,— дийцира 1абдурахьмана.
           — Эх1! Иза-м диканиг, хьаха, дара! Дависа, сан йиш елара деша, жима а волуш. Ма доьшур дара ас, х1ара вайна тIехь йина харцо д1аяккхалц!
           Массо а ч1ог1а цецваьлла, лерана ладуьйг1уш 1ара Людмила Васильевнийга. Царна дуьххьара, шаьш кхуза схьакхалхон новкъа даьхчахьанна, гуш дара иштта эсала, декхаделла шайца къамелаш ден адам.
    Корталий белшаш тIехула чу оллийна, шен хьаьрса, к1еда месаш гучуяьхнера йо1а. Сийна ши б1аьрг, дуткъа, к1ай лаг, кегий, зкаме куьйгаш — дерриге а йоь1ан хат1 а ч1ог1а хазахетара бохийна балийначарна. Кху муьрехь царна бен а дацара цу йо1а х1уъа дийцича а. Кхетамо башха схьа а ца лоцура цо дуьйцург, оьрсийн мотт дика ца хуучара-м муххале а. Делахь а, синошца цхьа ша-тайпа йовхо кхийдайора цо. Тешабора нах кху генарчу, акхачу дуъненчохь а шайх къа а хеташ, шаьш адамаш а лоруш нах хиларх.
      Баккхийчу зударийн б1аьргех хиш оьхура йо1а дуьйцучуьнга ладуьйг1уш. Кегийчу нахе йоь1ан куьцана т1ера б1аьрг ца баккхалора. Маккийн, Мединийн-м дагахь дара, муха тасалур даратехь цу йо1аца доттаг1алла, бохург.
      Цу сарахь дуьйна хьаьгна  хуьлура нах сихха де чекх а даьлла, Людмила Васильевна яре.


     Ши шо делира. Нохчийчохь т1ом бара марсабаьлла, д1абоьдаш.
     Полковникан дарж деллера Дудаевс Тарзанна. Шеца кхобаь1а сов т1емало а волуш, штурмовой олу арданг яра цуьнан куьйгалли к1ел. Уггаре а халчу метте хьажавора полковник ополченцин фронтан штаба. Иза цкъа а къарлой юха а ца волура, шега «юхавала» аьлла омра кхаччалц.
     Расула шен юртахь «самооборона» аьлла отряд кхоьллинера, я меттигера т1емалой а, я федералаш а чоьхьа а бовлийтина, юрт йохайойтур яц ша, аьлла. Цуьнгахь отряд мел ю г1ехь парг1ат 1ара юьртахой.
     Колхозан яссаеллачу контора чохь яра Расулан шовзткъа гергга стаг волу отряд. Цхьаммо мот тоьхначух тера дара, цу конторехь берш дудаевцаш бу, аьлла. Муха делахь а, цхьана сарахь дахка а даьхкина, вертолеташа цу конторайна т1е снарядаш йиттира. Уьш йиттина ца 1аш, юх – юха а гонаш а дохуш, т1ехехкалуш, пулеметаш йиттира.
     Ялх стаг вийра цу сарахь, верх1итта лазайра. П1ендаргах снаряд кхетта, Расул а лазайра. Иза  больнице охьа виллира.
      Ибрах1иман мостаг1ий майрабевлира. Цара, тешнабехк бина, Ибрах1им Дудаевна дуьхьал а ву, федералашца гергарло долуш, царна т1еуьхуш, а ву, аьлла, ДГБ- ц1е лелочу нохчийн армин спецслужбашка иза лацийтира.



        Асвадна г1еххьа г1олий хиллера. Чов а дIайоьрзуш йоллура. Делахь а, дег1ехь г1ело яра. Халла бен кога ира ца х1отталора.
     Иза ирах1оттина гина, т1евеара уггаре а луьра, тохара кхара д1авихкинчех хилла хьаьрса, лекха стрелок.
   - Кхана дуьйна балха аравера ву хьо!—д1ахьедира цо Асваде. Важ-м кхийтира шега бохучух.
   - Со-м хаза а хеташ г1ур ма вара болх бан, кху чохь 1уьллу-
чул, ницкъ бац-кха дег1ехь. Далур дац-кх х1умма а, — г1ийла къежа а къежаш, дийца г1ертара. Стрелока цуьнга ла а ца дуьйг1ира, волавелла, д1авахара.   
      Шоллаг1чу 1уьйранна хьалххе барака чу а веана, т1ера юрг1а д1а а тесна, балха ара вала, аьлла, т1ех1оьттира стрелок Асвадна.  Шайхмохьмад а, кхиболу нах а, тIебаьхкина, бехкаш дахка х1итттийра, хIунда хьийзаво цомгуш волу стаг, бохуш.   Амма   стрелок мохь хьекха вуьйлира. Набахти хьехайора.
     - Х1умма а дац.  Д1авог1ур ву со. Сайга далуш дерг дийр ду.
Суна гIолий ма ю. Ма къийсало. Къийсадаларх, тоьлар даций вай-м, кху дин доцчу охьлайл, — дийхира Асвада.
      Носилки т1ехь поппар т1екхехьа х1оттийра    стрелока Асвад. Массарна а гора, охьа ца кхета г1ерташ, астаг1а а вуьйлуш, цо мел бала хьоьгу. Т1евеанчу 1абдурахьмана шеен вешин карара носилка схьа а яьккхияа, юьстахваьккхина, бай т1е охьахаийра.  Иза гина, т1ебаьхкира стрелокаш. Т1е топ а  ерзийна,   хаьттира   воккхачу Асваде:
      —Ахь болх бо, я ца бо?!
          Ведда, улло веара 1абдурахьман:
       —Вен г1ерта шу иза? Эхь ца хета шуна? Адамаш дац шу?
       — Д1алаца иза! Д1авехка — омра дира хьаьрсачу стрелока. Вукхара, т1****табелла, охьа а виллина, куьйгаш д1адихкира к1ентан. Цхьана салтичо ирх топ кхоьссира, болх беш бохку нах иза к1елхьараваккха т1ебовдахь а, кхерабо ша, аьлла.
        1абдурахьман, айвина, вордана чу а кхоьссина, улло цхьа стрелок а х1оьттийна, цхьанхьа  д1аваьхьира. Йоьлхуш, ши куьг а айдина, т1аьхьахьаьдира нана, ши йиша. Воьхна лаьттара Шайхмохьмад. Дуьхьалъиккхинчу стрелока юха а ирх топ кхоьссира.
        - Меттаха ма довла! Тоьпаш тухур ю кхин ког баьккхинчунна!
        Нанас саца бохуш, т1аьхьа мохь бетташехь, ворданда т1аьхьа едира Макка. Говраца т1ехахкавеллачу стрелока, коьртах шед тоьхна, юьстаха кхоьссира иза. «Ма ейша! Ма дейша и жима бер мукъа!» — мохь аьлла, астаг1а а лелхаш, т1еведира Шайхмохьмад.
        — Схьаэца носилка! — мохь оьхура хьаьрсачу стрелоке.
        Берех къахетташ, бIаьргех хьаьлхина хиш лечкъон а, охьа ца кхета а гIерташ къийла а луш, халла носилка  караийцира Шайхмохьмада.

 * * *
      Цамгар т1етаь1нера. Дагар деана, хала буьйса яьккхира Асвада. Чов а юха лазаяьллера.
      Тоьпан юьхьиг а 1уьттуш, нуьцкъала араваьккхира стрелока Асвад шоллаг1чу 1уьйранна а. Цомгучунна хаьара, стрелока лаьцна 1алашо ша вен лаьцна юй. Схьадаьхкинчу дийнахь шаьш д1адехкар цо шайна диц да диний а, дицдийр доций а. Амма дан х1ума дацара. Когаша дег1 мел лоцу, д1аг1ертаррий бен, шен карахь кхин х1умма а доций хаьара цунна.


   Шозза яхьаелира Асваде поппарах юьзна носилка  кибарчигаш ечу зударщна т1е. Иза мел холчахь ву гуш болу нах, цхьацца т1евог1ура цуьнгара носилка   схьаэца.   Амма   стрелока кхуссий, вухавохуьйтура.
        Кхолг1а а носилка яхьаш вог1у Асвад, кхоччуш хьоьттина, охьакхийтира. Носилки  т1ера поппар цуьнан когашт1е 1енира. Хьала ца г1атталуш, ницкъ хилла воллура иза. Т1еведдачу стрелока мохь хьаккхира:
      — Хьалаг1атта! Хьалаг1атта, хьаьнга боху ас, симулянт!
        Асвад доггах тийсалора.  Цуьнца    носилка яхьаш хилла  накъост г1о дан дагахь, улло веара.Стрелока иза  вухаваьккхира:
  — Хьан г1о оьшуш дац цунна! Ша г1оттур ву. Бахьанаш ду цо хьийзош дерш, д1а а вахана, д1авижа лууш. Сихха хьалаг1атта! Со хьаьнга луьйш ву?!!
 Асвад г1атта ца лора. Т1аккха, дикка ластийна букъах а, коьртах а шозза тоьпан бух туьйхира стрелока Асваднан худабеллачу, бос баьхьначу коьртах, лерга уллохь охьа ц1ий доладелира. Асвад кхетамха велира.
Шозлаг1чу 1уьйранна, цхьа саг1а тоьлла, 1абдурахьман схьаваайтира.


 
**

    Нохчех доггаха къахетара Людмила Васильевнайна. Цхьана сарахь цо хаьттира 1абдурахьмане, Кавказехь гергарчарех мила виссана шун, аьлла.
     - Х1унда хоьтту ахь? – ца кхеташ, хаьттира к1анта.
     - Поездаш хуьлу Кавказехьа йоьлхуш. Кавказера нах а 1иттало. Хьуна лаахь, яз а дина, кехат дохьайтур дув вай, шун адрес а, шуьгара хьал а дуьйцуш. Штта кехаташ д1акхаьчна меттигаш ю дуккха а. Баланаша 1аьвшина нах къинхетаме ма хуьлу вовшашца. Д1акхача а мегий иза – м, - г1айг1ане элира йо1а. К1ант тийшира иза шайна г1одан лууш хиларх. Дийцира адрес а, ц1е а.
     Шолаг1чу дийнахь доьнна дуккхаза а ихира Людмила Васильевна станце, тешаме стаг лоьхуш. Т1аьххьаре а д1адахьайтира масех кехат.



     Лам чуьра райцентре боьдучу некъайистехь, б1аьстенан малхо бохбинчу тархах  букъ а тоьхна, Гаджиев ларвеш 1ара Давад тахана а. Ойланаш яьржинера: х1ун дича балур бара техь бекхам, х1ун дича берзалур бара техъ бехк боцуш ц1ерабаьхнарш буха. «Совцае айхьа лелон харцонаш! Ма вала дакъаза, ма вейта хьуо нахе, ма эца хьайна т1е нехан а, Делан а не1алт, аьлла, дийца дезара Рахьимца», — ойла кхоллалора цкъацкъа. «Х1ан-х1а. Иза кхетар вац. Иза вен а вийна, кхиболчу хьаъкамашца дийца деза», — хийцалора и ойла т1аккха. «Соьлжа г1алахь а, Москвахь а болчу хьаькамашна хууш хир ма дац кху боьхачу х1уманаша лелориг. Цаьрга хаийта деза цкъа хьалха. Иштта боху наха а. Наха боххург дан деза ас», — барт сецира цуьнан ша-шеца эххар а. «ХIаъа. Иза дийр ду ас цкъа хьалха, х1ара некъ ларбечул. Ларор ву со Рахьим бохучу ж1аьлена  д1адекха - м!»
Стоммачу попан гах д1атесна говр сихха схьа а яьстнна, лам чу хьала вирзира иза.
Сельсовет яра цу жимчу, ломан басах летта 1уьллучу юьртахь а. Юьртахь уггаре а йоза-дешар дика хууш стаг сельсоветан сек¬ретарь вара.
Суьйранна садовш хан яра иза.
— Ассалом Iалайкум— сихха чоьхьавелира Давад.
Чувеанчун яьлла юьхь, д1асакерча мохехь ц1ийбелла ши б1аьрг, коча оьллина топ, дерриге а цуьнан хат1  ца тайна, г1еххьа воьхна виссира секре¬тарь. Цхьа хан яьлча бен салам схьа а ца ийцира:
— Ва1алайкум салам!
— Ас хьайга аьл-аьлларг т1е а дуьллуш, цхьа кехат яздийр дарий ахь суна?- хаьттира чу веанчо.
— Мича? – шиб1аьрг къаьрзира кхеравеллачу секретаран.
— Уггаре а лакхарчу Iедална т1е.
— Х1ун аьлла? – г1ийла дара цуьнан аз.
— Сан бехкбоцуш, кулак ву аьлла ц1е а тоьхна, д1авигна дай, дешичий, ваший, стундай, кхибершший бухаберзабахьара, аьлла!
Секретарь г1еххьа хьовзавелла висира:
— Язда-м хала ма дацара. Яздича а, иза д1алоцур долуш, иза къастор долуш мила хир ву техьа? Кху районерчу 1едална луъург бен хир дац-кх цунах, мел лакха яздичи а.
— Дац боху-ахь?
— Дера боху.
— Делахь, цкъа хьалха кху районерачу цхьана къонахче язде вайшиммо?
     —Язде, хьайна лаахь-м.
   - Рахьим ю хьуна цуьнан ц1е. Милицехь ву-кха иза. Вевзий хьуна?
   - Вевза.
    - Вовзахь, цуьнга и кехат д Iадалар а хир дуй хьан?
    - Хир ду, со цига вахханчух.
      - Хир делахь, дIаяздел!
    Давад дийца волавелира. Секретаря д1аяздора.
«Рахьим, со Давад ву хьуна. Вайшиннан девнах нахана доккха зулам даьлла. Дукха нах Сибрех бахийти  ахь, махкаха а баьхна. Ас Делах биъна дуй бара хьо вен. Делахь а х1инца со цу дуйнах вухаволу. Харцо а ца лелаеш, и нах бухаберзабе. Ас дош ло хьуна хьоьца гамо ца лело. Уьш бухабирзннчул т1аьхьа со шун кара а вог1у. Сох шайна луург дер аша. Ма летаде хьайх зударийн, берийн, къанбеллачу нехан къинош. Вала дезащ вац хьо? ХIун жоп ло ахь суна?».
Секретаря дош делира шина-кхаа дийнахь и кехат д1а а кхачийна, жоп дахьар ду ша, аьлла.

* *
Iаьно а, дукхахьолахь, Iаьндахь шайн хьешашкахь хан яьккхина, кху уллохула башха гергарлонаш дацара Давадан. Хан а яцара цуьнан нах бовза а, нахана ша вовзийта а, х1етта бен ткъа шо а ца дуьзнера. Харачойн Зеламха санна ц1е яхана обарг  вацара Давад, муьлххачу х1усамехь а везаш т1еэца. Наггахь буьйсанна шен юьрта кхочура. Сискаллий, нехчий, тоьпан патарманашший оьций, юха а лаьмнашка хьалавоьдура. К1ордош, лаьттара к1антана цхьаалла, шело, т1уналла, якхалла. Хетара, бухабисинчу гергарчу наха а шен т1еэцар де-дийне мел дели шеллуш санна.
Цхьада хенахь, паччахьан заманчохь обаргаш вовшех а бетталой, дийнна тобанаш хуьлуш хиллехь, х1инца яцара ломахь и тобанаш. Наггахь а вацара Советан 1едалх къаьхкина, кара топ а эцна, хьуьнах, ламанца хьалаведда стаг. Доггах тешнера г1ийла нах Советан 1едал адамийн дуьхьа, мискачу нехан дуьхьа даьккхина хиларх. Ур-аттала Ленинна молланаша а ц1е тиллинера, дуьненан шайх хилла иза, аьлла.
  Давад духе ца кхуьура мел ойланаш ярах: «Сан дас, дешичас, вашас, кхин а уьш санна болчара, х1ун зен дора Советан 1едална? Деваша а вийнера деникинцашца Соьлжа – Гала юьккъехь. Муха йойту  кху Iедало оццул яккхий харцонаш цхьана Рахьим бохучу боьхачу х1умане? Оццул б1аьрзе хила йиш юй те¬хьа х1ара оццул наха къобалдеш даьккхина 1едал?!
      Х1ора жимачу а, йоккхачу а эвлахь цхьацца колхоз кхоллаеллера. Колхозашкахь вовшахтоьхна уьстаг1ий а, даьхннй а дукхахьолахь кулакаш бу аьлла бохийна бигначу   неханаш   дара. Давадна хетара ша цу лаьмнийн дежийлашка хьаладалийначу уьстаг1ех, даьхнех цхьаъ-шиъ дадорах, шена уьш хьанала долуш санна. Амма х1уманна  т1е ца кхийдара, ша лоьхучу нийсонах, яздайтинчу кехатах цхьа йист яллалц, бохуш.
Цу дийнахь Давад са ма тессинехь лаьмнаш юккъехула хьалаваханера, акхарошна талла. Цунна жима волуш   дуьйна хезнера кху башломана к1ел ирахъихначу мокхазчу бердашкахь дийнна  ардангашца лелаш лунаш хуьлу бохуш.   Ша кест-кеста   т1евуссучу нахана жимма лун жижиг а, ц1окарчий а яхьа дог хиллера к1ентан.
Тийна дара ломахь. Цхьана акхачу, ц1е йоцчу ч1ожа улло нисвелча, чухула хьаьдда доьдучу шовданан тата хезира. Лаьмнийн хьехашна юккъера схьа, акхачу кхокхарчийн декар а хезара наг-ахь. Х1етта хьалаяла йолаеллачу луьстачу беца юккъера «пхар-р-р» — олий д1а моша эккхара.
Мацца а д1акхечира Давад лунаш хир ду аьлла хетачу басешка. Кхузахь, бердаш к1ел, дуккха а 1охкура лунийн ма1аш а, коьртан туьтанаш а, кхийолу даь1ахкаш а.
Лунаш хи мала оьху меттиг ю аьлла хетаделла, цхьана басах д1атаь1ира Давад. Гена йоццуш цхьа хьех а яра, буьйса яккха дезаш хилахь, цу чохь набарна д1атаIа. Яхйина дюрста цхьана диттах а тесна, когех баргол а тоьхна, гена йоццуш йитинера к1анта шен говр а.
Веха 1ен ца дийзира Давадан. Когийн татанаш хезира. Дукха хан ялале лунаш шаьш а гучудевлира. Уггаре а дерстанарг, кхиъна даьлларг къастийна, тоьпан лаг уьйзира к1анта. Х1оъ коьртах кхетта, ша лаьттинчохь т1ек1алделира лу. Вуьйш, бIаьрган нег1ар тухучу заманчохь, девдда к1елхьарадевлира. Шаьлта а яьккхина, улло хьаьдира Давад. Шиилачу т1улгаш т1е 1ийдалора лун довха ц1ий. Давадна хийтира, ша леш хьоькху когаш саца а бина, лу леррина щен б1аьра хьаьжча санна. Тамашийна дара и б1аьргаш. Хьекъале. Г1айг1ане. Давадан куьг цу юккъехь меллаша охьадахара, лун логах шаьлта ца хьакхалуш. Цкъа а ца дийнера цо экха. Къахетта, легашка шад беара. Меллаша логауллохула охьа куьг хьаькхира:
  —  Лу, хазаниг, дийкха ас хьо... шайтIано дайти-кх хьо соьга, хаз а дина…  Веза Дела, къинт1ера валалахь суна. Ас дош ло хьуна кхул т1аьхьа цкъа а сайн карах экханан са  ца далийта!
«Бисмиллах1ирахьманиррахьим» — аьлла, къилбехьа а дерзийна, шаьлта хьаькхира к1анта, леш лаьттачу луна.
Дехьа басахь топ елира. Давада ладуьйг1ира. Цхьамма кхойкхуш санна хийтира. К1ант юха а ладуьйг1уш сецира, х1умма а хезий техь шена, бохуш. Кхин х1умма а ца хезира.
Тилийначу лун жижиг а, ц1ока а говран таьлсаш чу йиллира Давада. Делахь а, цу даьлла хиллачу тоьпан татано ойла йойтора: «Иза мила хир ву? Муха кхаьчна кху къакъамаршке? Ас кхоьссинчу тоьпан тата хезна, соьгара г1о доьхуш дуьхьалкхоьссина-м яцара техь и топ? Мила хилла техь иза? Цу меттиге д1а а вахана, ла ца дог1ахь, нийса хир дац.
Тоьпан тата хезначу д1айолаялийтира Давада шен бекъа. Топ кхоьссира. Мохь хьаькхира. Цхьаммо а жоп ца лора. Кхузахь кхи хьелойла дацара. Малх башломана т1ехьа баьллера. Сихха д1а ца вахча, новкъахь бода  бара.
Тарса а терсина, ши лерг а ирдина, юхакхоссаелира Давадан говр. Цо шен ши б1аьрг, къарзийна, аьрру аг1орчу басах хьежабора. Х1инца Давадана а гира: баса к1ел цхьа адам 1уьллура, карахь топ а йолуш. Говрара охьаиккхина, сихха т1еведира к1ант. И 1уьллург кхуьнан хеннара жимастаг вара. Детта, 1аржделлера цуьнан коьртах ихна ц1ий. Иза кхетамчохь вацара. Халла бен ца хаалора цо доь1у са а. Кхета хала дара х1ара кху бердана к1ел х1унда 1уьллу: я цу бердах чу веана, я ша лазийначул т1аьхьа цу бердах хьалавала г1иртина.
Ведда, 1инчу а вахана, шишан чохь шийла хи деара Давада.
И хи хьаьжа т1е а хьоькхуш, к1ант меттавалон гIертара иза. Кестта цо ши бIаьрг схьабиллира. Цецваьлла хьоьжура иза Даваде.
— Хьо мила ву? Хьо мичара ву? Хьуна х1ун хилла? Мича эвлара ву хъо? — хоьттура Давада.
— Яьскахьехера  — г1ийла жоп делира лазийначо.
—Яьскахьехера? К1отар юй иза? — хоьттура Давада.
— Ю, Хьо мила ву?
— Давад ю сан ц1е. Аса д1авуьгур ву хьо кхузара. Говра т1ехь хиъна 1алур вуй хьо? Чов хилла а, кагъйина а меже-м яц хьан?
Лазийнарг юха а кхетамха велира. Цунна к1ел 1уьллуш йолу буц мажъяла йолаелла хиларехь хиира Давадна иза кхузахь 1уьллу масех де дуй. Куьйгашца лехча, цхьадика,  кагьелла меже ца хааелира цунна.
Цкъа шен ги а хаийна, т1аккха дукха хала   говран  букъа т1е ваьккхира Давада лазийнарг. Ша говран урх а оьзна, сихха д1аваьхьира иза уггаре а уллохь хетачу к1отара. Яьскахьехе-м 1аламат генахь яра. Цига буьйсанна сахиллалц д1аихча а, д1акхочур вацара. Оцал беха некъ лазийначо ловр а бацара.
Лазийнарг ца бевзачу нахехь витина, са ма тесса говр хаьхкина, Яьскахьехе вахара Давад. Цигахь кхуна дуьхалъйелира доьзалхочух йолу цхьа къона зуда.
- Ц1ахь мила ву шун? –хаьттира Давада зудче.
- Дада ву… - сагатделла, йохна хьовзира зуда… - вуьшта, ахьа вон кхаъ беънехь, ма дийцалахь… цомгуш, меттахь ву хьуна иза!
     -   Кхин цхьа а вац к1отарахь?   
     -   Вац.
     -  Стенга бахана?
     -  Сибарех.
       - Х1унда?
     - Кулакаш бина...
     - Ткъа шу?
     - Тхо девддера. .
     - Хьан ц1ийнада мичхьа ву?
     - Яйна говраш лаха, ваханера. Ворх1алг1а де ду тахана ц1аваза. Дийна ву-вац а ца хаьа. Орца даккха стаг а  вац.. Тхаыш а леца хьийзош ду. — Са ца тохаделла,   б1аьргех хиш   хьаьлхина,  холчахоьттина хьаьвзира жима зуда. Эхь хетта, тIехьа йирзира.
       -Хьан ц1е муха ю? — хаьттира Давада.
       - Руман.
       - Хьан цIийнада дийна ву, Руман. Цхьана нахехь ву. Кхана
со иза а валош, вухавог1ур ву, Дала мукъалахь. Х1инца шун дадийга вистхила со?
      Хазахетар алсамдаьлла, кхин а  сов йоьхна хьаьвзира Руман.
       - Вистхила, дер! Дера хила! Дада! Дада! Вайга цхьа стаг ма веана! – чу хьаьдира жима зуда.

**
       Рахьимна шера хаьара ломахь виссина Давад ша вен аьтту лоьхуш лелий. Дуккхаза а ойланаш йинера, тешнабехкех кара а валийна, иза х1аллак муха вийр вара техь, бохуш.
      Кехат дахьаш стаг кхаьчча, хазахийтира Рахьимна. Хетаделира, х1инца ша дан сатийсинчун цхьа юьхьиг д1айолаелча санна.
      Цу буссехьа дуьхьал кехат яздира цо, шена т1е ваг1ахь, кхузахь цхьана дага а волуш, ойла йийр ю вайшиммо дан дезачун, аьлла. Делахь а, и кехат д1а ца дахьийтира. «Иштта 1овдал а хир вац иза. Вог1ур вац иза. Хуур ду ас бан г1ертарг тешнабехк буй». Т1аккха шена т1евеана хилла юьртасоветан секретарь хьовзийра, Давадана к1ело ян аьтту бе, аьлла. Важа реза ца хилира. Цо бохура и стаг шена цу буса дуьххьара бен гина а вац, я цо ша вухавог1ур волу хан билгалъяьккхина а яц.
     Иттех дийнахь лийлира Рахьим ойланаш еш, муха аьтту бер бара техь шен Давадна к1ело ян,  ца хууш.
    «Кхоччуш догдат1ийна, халчах1отто веза аса иза. Оьг1азалло б1арзвинчу стага г1алаташ дуьйлуьйту. Сайна сихха т1ева г1ортийта веза аса иза, сайн го а ч1аг1бина...» Цу 1алашонца, дуьхьал кехат яздира Рахьима:
     «Хьо шек а ма вала хьо, Давад, ахь г1айг1анаш ян оьшуш дац хьуна Сибарех бахийтинчарна-м. Ас хьан метта къа а хьегна, пхар а дина, дахийтина хьуна хьан нускал Полла-м. Хьо цу ламанашца уьдуш, башха ларош а ца хиллера моьтту суна цуьнан г1уллакхе хьажа.   Ма ч1ог1а уьду хьо цу лаьмнашна юьккъехула, кхераделла зуд санна. Суна дуьхьала х1отта кхоьру хьо? Иштта кхоьруш хилча, со кху дуьненчохь вехар а вацара».
     Хабар дахьийтина, юьртасоветан секретарь охьа а кхайкхина, кехат д1аделира Рахьима.


  ***

      Лазийначу к1ентан ц1е Бозу хиллера. Нахехь витина, шина-кхаа дийнахь жимма чу са а даийтина, вордан чу йол а йиллйна, цу т1ехь Яьскахьехе д1авигира Давада к1ант.
       Бозу, цхьа дика, сихха метавог1уш лаьттара. Аьрташха корта   лазор бен, кхин йоккха чов яцара цунна. Корта   лазийна, тентаг ваьлла 1иллинера масех дийнахь. Цул т1аьхьа г1елвеллера.
       - Даьхний а, говраш а, устаг1ий а д1а а дигна, дитинера тхо, — дуьйцура Бозус. — Иттех маьрша д1ахецна эмалк йиссинера, салташка схьа а ца лацаелла. Шерачу дукъахь 1аьнан чиллахь докъар а луш, кхобуш яра  уьш. Царех карайог1ург схьаяло т1аьхьаваьллера со. Цхьаъ схьалацаеллера. Цо биркха суна т1ехь х1ара болх, хаьхкина вогг1ушехьа цу бердах чу а кхоьссина. Эццигехь хьо т1е ца кхаьчнехь, д1адаьлла а дара-кх сан г1уллакх.
      — Топ кхосса муха дагадеара хьуна? — къежира Давад.
      — Ахь кхоьссинчу тоьпан татано меттавалийра-кх цхьана к1еззигчу ханна. 1ожалла т1екхаьчна ца хиларна, Дала дайтира-кх соьга иза.
       Бозус бийцира Даваде кху т1аьхьарчу шина шарахь советан 1едало шайна т1ехь бина ницкъ.
         - Тхан дендас х1ара к1отар юьллуш хьун йоцхург х1умма а хилла кху гонахьа. Ч1ог1а ницкъ болуш, могуш стаг   вара бохуш, вуьйцу иза наха. Суна жимма бен дага ца вог1у иза. Пхи-ялх шо бен дацара сан иза леш. Хьарам даьхний дацара цо а, цуьнан к1енташа а гулдинарш. Хийла мискачарна, г1ийлчарна а г1о дора. Тхан да а ву ч1ог1а къинхетаме. Д1о ч1ожахь, берда уллохь, малхбасехь - куьг лецира Бозус, - цхьа нах севцнера, ши-кхо шо хьалха, г1уркхех, серийх баннаш а йина.  Гурахь дара иза, дитташ т1ера г1а охьадоьжначу хенахь. Тхан дас сой, сан шичай вахайтира, хьажей вола, и х1у нах бу, цара х1у леладо, аьлла. Тхойшиъ вахара. Уьш – Украинера мацалло балайна нах хиллера. Масех доьзал бара, кегий, кога даханий, дахазий бераш а дара цаьрца. Хьаьмцаш, орамаш лехьадора, ишалаш чуьра пхьадарш яха г1ертара. Охшимма юха а вахана, д1адийцира иза тхешан дега. Цунна хезна хиллера вайн махка иштта мацалла ца бала, бевдда нах баьхкина, бохуш. Цу дийнахь цо тхойшиъ сихха юхавахайтира тхов т1ера охьадаьхна дуьмеш а, ахьаран гали а, ведар дуьззина нехча а эцна. Хазахеттачу цу наха белхар х1оттайнера. Т1****талуш, обанаш бохура тхойшинан куьйгашна церан зударша.
     Йоккха хан ялале, тхан дас и ткъех стаг, раг1укъел доккха ц1а а тодайтина, чубалайра. Кхоъ говр а, дуккха а устаг1ий а дайра царна цу 1ай. Керстанна делларг – дуьненан саг1а ду, ткъа кегийра бераш – уьш малийкаш ду, мичча къома делахь а, олура тхан дас.
     Баркаллаш бохуш, боьлхуш бахара уьш д1а шоллаг1чу шарахь. Новкъа яккхаа дуккха а юург йиллинера тхан дас. Цецбевллера уьш нохчаша шаьш иштта т1елацарх.
     Жима хан ялийтина, кхид1а а дийцира Бозус:
      - Ша Хьаьжиц1а, Макка-Медина вахале а, ваханчул т1аьхьа а, саг1ийна т1къех бежана а, кхо б1е гергга уьстаг1а а бекънера тхан дендас. Масех т1ай тиллийтинера, ша мах а луш. Цундела беркат хуьлура цунна ша лелочух а, к1ентий бакхий хилча, цара лелочух а. Аренга Деникинан эскар кхаьчна аьлла, г1о доьхуш нах кхаьчча, кхо говр а елла бахийтйнера тхан дендас. Шен воккхахаволу к1ант, и чохь  1аш волу сан да а хьажийнера, хьада вало, наха дийрриг де, аьлла. Ч1ог1а бертахь, хаза 1аш дара тхо. Сан да а, цуьнан ши ваша а. Д1огахь арахь лаьттачу йоккхачу, ехачу стоьлах б1аьрг кхийтирий хьан?
          -  Кхийтира.
        - Цу т1е охьаховшура тхо сарахь дерраш а х1ума яа. Ткъех стаг цхьане. Бераш доцурш. Тхан дендас 1амийнера тхуна иза. Цо олура, доьзалш берраш цхьана юург яа хевшича, щайтIанан ис букъ кагло, беркат иссозза совдолу. Воккха Дада дIваханчул т1аьхьа а г1ертара тхо цо 1амийнарг диц ца дан.
        - Ши шо хьалха х1ун хилира, Бозу? — юкъахаваькхира Давада ойланашка вахана к1ант.
        - Ши шо хьалха хилларг бахьана дара-кх цу Делан не1алт т1аьхьдолчу ох1ланна тхо дерриге а х1аллакда, дакъазадаха. Хьеший дукха хуьлура тхан х1усамашкахь. Ц1е яхана вара тхан ден-да а, да а, девежарий а, хьеший дукхабезаш, уьш т1еоьцущ, цаьрца самукъадолуш бу, бохуш. Схьавеанарг бен а вацара, хуьйли и нохчо а, 1аьнди а.  Г1ийланиг уьстаг1а, я нехча,  я дакъийна дуьмеш лой, вохуьйтура. Ч1ог1а беркате к1отар яра х1ара тхуна...
    Хетарехь, легашка шад беана, луьйчуьра сецира Бозу, Давадна цуьнан цамгаро чу божийна, гонаха 1аьржа гонаш х1иттина шиб1аьрг т1унбелча санна хетаделира. Бехкала вахана, вела а къежна, юха а дийца волавелира цамгаро г1елвинарг:
   - Аш бен-башха а боцуш, маьIмаьIера нах т1елестабо бохуш хезна тхуна. 1едална дуьхьал болу нах-м бац уьш? — олий, говрашкахь схьалелха буьйлабеллера стохка дуьйнна районера 1едалан нах. Дадас а, цуьнан вежарша а цкъа а ца бахийтинера уьш д1а, буззалц х1ума а яийтийа, са а да1ийтина бен. Ур-аттала, говрийн таьлсаш чу дуьллура уггаре мерза 1ахаран жижиг, нехча, моз. Цундела шаьш тхо кулакашна юккъе д1аязда баьхкича, цхьаммо бохура боху: „«Х1орш а ца бахь кулакаш, цхьа а ван оьщуш а дац. Кхаьргахьчул дукха жижиг-м вай цхьаьнггахь а диъна дац!»
Ярташкара нах кулакаш а беш, Сибрех д1аоьхуьйтуш бу аьлла хезча, тхуна а хиира и раг1 тхаьшна т1е а кхочур юй. Барт хили¬ра, х1уъа дина а, цхьахаверг мукъа ц1ахь вита, к1отар х1аллак ца хилийта.
Цкъа юьхьанца, баьхкина, дерриге а даьхний, говраш, уьстаг1ий д1адигира. Х1етахь и ла а ца делла, цомгуш хилла ву-кх тхан да а. Цхьа садаьхьна вукха иза. Коьртаца а дикка галваьлла. Шега хаттар дича, жоп-м ло цо халла. Хьалха, и цамгар 1оттаялале мел самукъане, забаре, комаьрша стаг вара иза!
К1отарахь со вита барт бира гергарчара. Долийра, со велла, аьлла. Каш а даькхира, коьрте чурт а х1оттош. Тидам хилирий хьан кху уьйт1а вогг1учохь, аьрру аг1ор бинчу   керлачу   барзах?
    - Хилира.
    —Иза ду-кх сан каш. Цул т1аьхьа, суо «д1авоьллина» бевлча, лачкъа вахара со ненаваша волчу. Бутт гергга хан цаьргахь яьккхира, буьйсанна бен чуьра аравала йиш а йоцуш. Дада а, х1ара зуда а тхан маьхчой болчохь лечкъина 1ийра. Иштта, девдда а лелла, духадирзира-кх тхо кху к1отара. Цхьа юкъ, б1аьстенан юьххьера уггаре а т1уьна, шийла юкъ, хьехашкахь лечкъаш а яьккхира. Х1инца, к1отара духадирзина, хан йоккхуш а дохку-кха.
        -  Х1инца а ма дика дуьту шу кхоъ кхузахь. 1едал ца кхочу шуна? — хаьттира Давада.
— Шаьш Сибрех д1абуьгуш алссам сом-ком йитинера девежарша, жимма хан а ялийте, энкеведене уггаре а коьртачунна т1екхачо хьовса х1ара ахча, цо дуьтуьйтур ду шу цкъачунна 1едал т1е ца г1оьртуьйтуш. Хенан йохалла тхо а ц1адоьрзур ду, дала мукъалахь, аьлла. Иштта, и ахча д1адалар а нисделла, хан йоккхуш до кхузахь. Вуьшта, бежана, уьстаг1а, цхьа а жижиг даккха х1ума йоцуш, якхалла - м х1оьттина. Цунна ваханера со эмалк лаца а. Цунах хилларг а хьо гуш ву-кха.
Хьаьрса, нилха маж яра Бозуйн къоначу, беран санна жимачу юьхьа т1ехь яьлла, лурвоьллачу стеган санна. Чуэгначу б1аьргийн хьажар-м ламанан лечанан санна ира дара. Дег1ера ницкъ эшнехь а, кийрара са турпалхочун санна хьуьнаре а, доккха а ду олий хеталора. Амма цуьнан а дацара х1оьттинчу хаттарна жоп: хьанна бан беза бекхам? Мила ву бехке? Х1ун бахьана ду, та1ийначуьра букъ хьала а ца нисбеш, ирзеш дохуш, оханаш деш шаьшлелайначу лаьтта т1ера дохо, х1аллакда, дакъаза даха?!

**




       1996 шо, аьхке. Ибрах1им, вала а вина, ор чу кхоьссинера. Цкъа хьалха машена кузов т1е вилланера пхи-ялх стаг т1екхетта, айвина, хен санна. Т1аккха, ван а веана, кху ор чу.
      Ор чохь цхьа боьха гоьн, тиша, ситтана ведарре бен х1умма а яцара. Селхана делкъахь ах булка 1аьржа бепигге, телхана, масех шо хьалха хи чу йоьхканчу наьрсийн банкай кхоьссинера. Цара хьера 1ийжош, хьийзавора йийсархо.
     - Х1е – е – ей берзалорй! Хезий шуна? – мохь боьттура Ибрах1има.
     - Х1у баху ахь? – мацца а чу къаьрзира цхьа нилха маж йолу, пхийтта – ялхитта шо хиндолу жимастаг, гарехь, ламарошха схьаваьлла.
     - Сода лойша сунна. Изжогас хьийзаво со. Манинил олу молханаш а лаха, шаьш со вен ца г1ертахь. Диабет ю сунна сахарни.
     - Сода? Х1у сода? – ци кхийтира хехо.
     - Бепиг деш тухуш долу сода х1у ю ца хеа хьуна?
     - Суна х1у хеа бапигах х1у туху? Со ц1ахь бапигаш деш лелла ву – м ца моьтту хьуна? – везавера жима къонаха.
     - Ц1ахь, цхьана нехан х1усамехь кхиъна вац хьо? Я гуттара а хьуьнах лелла ву хьо? – реза вацара Ибрах1им хехочунна. – Ламазна таса цхьа куз, ц1ока, гата, я ц1ено-о к1адий а кхосса.
     - Хьайна елларг 1овшичахьанна ваьлла хьо. Кхузгехь ресторанаш яц, - т1е а чевхина, къайлавелира хехо.
     - Х1-е-е-ей!!! – мохь боьттура Ибрах1има, аммма иза кхи цхьаммо а тергал ца вора. - Дера е аш шайн нанна моха, гезарий! Берзалой – м мухе а яцара шу, тодакхаш! – кхоччуш оьг1аз ваханера йийсархо.
    Дудаевцаша шайн байракха т1е берзан сурт тоьхчахьанна, царех юьхьанца «берзалой» олура Ибрах1има. Цул т1аьхьа – тайп-тайпана: моджахедаш, хунвейбинаш, гезарий…
     - Х1е-е-е-ей, Борз, схьаволахьа, дукха вахарг!
     - Х1у баху ахь? –  ор улло веара нилха маж йолу ламаро.
     - Ахь сунна содай, молханаший, кружке чохь хий, ламазна таса х1умай яхь, аса цхьа дикаболх бийр бара – кх хьуна.
     - Х1у дика болх? – цецваьлла, хаьттира жимчу стага.
     - Ахь аса хьайга аьлларг мел ди ас цхьацца хьехара лур дара-кх хьуна.
     -Х1ун хьехара? – ца кхийтира ор уллохь ладоьг1уш лаьтта ламаро.
     - Хьан да – нана дан а дуй?
     - Ду.
     - Цара хьехара ца до хьуна?
     - Суна х1у оьшу ацеран хьехарш? – цецвелира хехо.
     - Иза а бакъ ду. Церан хьехаршка ахь ладийг1инехь – м хьо кхузахь а хирг хир вацара, цхьанхьа доьшуш хир вара. Дика ду х1ета. Ахь ас аьлларг мел ден, ас цхьацца ламаройх лаьцна анекдот дуьйцур дукха хьуна. Дика дуй?
     «Анекдот» бохург хезча г1ехь ваставелира хехо. Хетарехь, сагатлуш йоьдура цуьнан хан а.
     - Хьадуцал далехь.
     - Ладог1ал далехь. Дог1анаш ца дог1уш, халчахь бохкуш хилла мацах шун ламарой. Саг1а даккха деза вай, аьлла, бежнаш а дайина, саг1а даьккхина ламароша. Амма марха, гучу а яьлла, хахкаелла сулийчу д1аяхана. Юха а саг1а даьккхина ламароша бежнаш а дайина. Юха а марха гучу а яьлла, хахкаелла цхьанхьа Теркайисте д1аяхана. Юха а саг1аш дохуш хилла, юха а уьззу деш хилла мархаша. Дог1а а оьций, кхечу махка д1айоьлхуш хилла. Т1аккха моллайна т1е бахана ламарой, дагабовла. Моллас бохура боху: и саг1аш шайн бежнаш а йойуш даккхал аш, нехан лечкъайнарш а ца йойуш, т1аккха хир ду шуна дог1анаш а, има-беркат а. Иштта берзалой хилла - кх, к1ант, шун дай а.
    Хехо велалуш ца хаавелира Ибрах1имна. «Х1ара – м коьртаца башха дика волчух тера дац. Иштта волу дела латтаво хир ву х1ара кхузахь, т1амт1е а ца вуьгуш».
    - Кхи цхьаъ а дийца ас хьуна? – хьалакхайкхира Ибрах1им.
    - Хьадуцал, - жоп делира вукхо.
   - Мацах обкомера лекторш баьхкина хилла ламарой болчу лекции еша. Кхаа сохьтехь дийцина лекторо коммунизмах, цуьнан дикаллех лаьцна. Мацца а лекции чекхъяьлча хаьттина лектора, хеттарш дуй шун, аьла. Царна юьккъехь угаре а кхеташ вверг хьалаг1аьттира боху:
     - Кхетта тхо доллучух а. Цхьа х1ума дийцахьа, диканиг: и коммунизм боху х1ума тхан бан а бина шу долчу охьабан безаш бу, я аш шаьш бан а бина, тхо долчу лома хьала бахьарболуш бу?
     Хехочунна, хетарехь, шена а ца хезнера коммунизм боху дош. Велавалар-м хьовха, цхьа а аз а ца делира цунна чуьра.
     Жима хан елира.
     - Ахь суна сода дохьий? – мохь тоьхна, хаьттира Ибрах1има.
     - Накъост ву схьава везаш. Цунга ариг ду ас. Кхи х1умма а оьший хьуна? – г1ехь г1иллакхе велира хехо.
     - Буьда картол еъчи а г1оле хуьлу бохура изжогина.
     - Ас х1анцци буйданиг а, еттинарш а йохьу хьуна, - реза хилира жима къонаха.
     - Дела реза хилла хьуна, - хазахийтира Ибрах1имна,  -  ц1е муха ю хьан?
     - Солтабек ю.
    - Хаза ц1е ю. Дукха вехийла хьо, Солтабек! – юькъаметтиг тоя г1ертара йийсархо.



Цхьанхьара-м, луларчу юьрта балийначу нохчашна юккъера нах, къайлах бевдда, Кавказе д1абахана аьлла хабар хезира. И шена хезначул т1аьхьа са айделла,  хьаьвзинера Асвад. Даго хьоьхура цунна, девдда к1елхьара ца довлахь а, деллий, дайиний дерриге а кхачор ду-кха шаьш кху оьг1азе, хийрачу махкахь, бохург.
Ша-м тоххара ведда къайлаваьлла хир волуш вара Асвад, къаьсттана и даккхий вонаш 1иттаделлачул т1аьхьа: Шомса, шен х1усамнана, цхьаъ бен воцу к1ант, кхиберш беллачул т1аьхьа. Вуьшта, цхьана болчарна дан х1ума дацара. Уьш а битина, ведда кхузара д1авоьдийла  дацара.
Бутт гергга хан елира Асвада иштта ойланаш еш.
Гуьйре т1ег1ертара. Кхузахь 1а даккха дезар ду бохучо кхоччуш ойланаш йохийнера нехан. Ц1ахь, Кавказехь, 1аьнна к1ел воьдуш лахьанна юург, дечиг, докъар кечдой, цхьа г1айг1а бан 1еминера нахана. Х1етте а, халла бен 1аьнах ца бовлурш а хуь¬лура. Ткъа кхузахь х1ун дан деза? Муха бан беза 1аьнна кечам? Муха довла деза могуш, дийна 1аьнах? Кху доккхачу, не1 а кор а доцчу божал чохь...
«Вай-м даха шайна аьлла далийна даций кхуза, сихха лей д1адовла, аьлла далийна дай», — хьесап дора наха.
     Г1амарийн аренашкахула ловзу мох г1еххьа шелбелла бетталахь а, малхо дохдина, хаза де дара иза. Делкъал т1аьххьа, нах х1ума кхаьллина а бевлла, юха а балха т1е х1итта дагахь хиллачу хенахь, станцера схьабог1учу некъа т1ехь гучувелира цхьа меллаша, к1адвеллачу стеган боларца схьагIерта къонаха. Нах лерина д1ахьаьвсира цуьнга, шаьш лаьттачуьра. Цу стеган коьртара куй, т1ера духар, белшаш т1е тесна таьлсаш — дерриге а дукха ч1ог1а тера дара нохчочух. Ткъа мичара вер ву нохчо кху акхачу аренгахь? Кулакаш бина балийнарш-х вовшашна т1е кхочуьйтуш а бац.
Къонаха улло мел г1оьрта а алсам цецбовлура нах: и юьхьсибат, и болар, и яьлла маж, и г1овтал, и куй...
- Хьусай... Хьусай... Хьусай вац иза? — меллаша, ша-шега санна хаьттира Асвада.
— Хьусай! Ва устаз, Хьусай вац иза?! — мохь элира цхьана зудчо а.
Нах бевзина, шен белшаш т1ера таьлсаш охьа а дехкина, бIаьргех хьаьлхана хиш мажъяьллачу беснаш т1ехулу чу а 1енаш, т1еведира Асвадан ненаваша Хьусай.
— Карий-кха! Карий-кха суна шу! Веза Дела, карабайти-кха ахь суна х1орш! —дегочу озаца т1еведира иза шен йишин к1антана Асвадана. Шийлачу маьхьаршца т1еедда, маравоьллира иза Маккас, Мединас, 1абдурахьмана. Цецбевлла, схьахьаьлхира берриге а юьртахой, кхечухьара балийна нохчий.
— Хьусай! Г1енах ду х1ара, я самах ду? Хьо мичара вели, вала мукъа? Хьуна тхо муха карий? Оха яздайтина  кехаташ д1акхечира хьоьга? —цецбуьйлуш, хеттарш дан буьйлира нах.
     - Кхечира. Цхьа кехат, - доцца элира Хьусайна

Мин-минотана алсамдолуш, алсамделира белхар. Шовзткъа герга стаг вара го бина, Хьусайнна т1етаттавелла: зударий, бераш, къонахий. Берраш а боьлхура. Зударий тийжаш, ондда. Бераш  кхераделла, маьхьарий а хьоькхуш. Божарий къайлах. Шайн яххьаш вовшех а лечкъощ.   .
  — Прекратить! За работу! — маьхьарий деттара салташа.  Цхьаммо ирх топ кхоьссира. Кхо-виъ, нах д1а а тоьттуш, Хьусайн¬на т1е веара. Кехаташ хаьттира. Хьусайна, хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, цхьа кехат д1акховдийра. Салташа, деша а дешна, кехат духаделира. Юьстах бевлира.
— И х1ун кехат ду хьан? Иза ма дика кехат ду,  цецваьлла хаьттира Асвада.
— Х1окху кехата накъосталла деш кхечи-кха со кхуза а, - жоп делира Хьусайна.
— Х1ун ду цу т1ехь яздинарг мукъа?
— Хаац суна-м. Дукха даьхний-м делла ас кху кехатах вайн ц1ерачу 1едална. Ахчанах х1уъа а юхкукха цара, эшахь шайн эпсарийн чоэш а.
    Гобина  лаьтта нах д1а ца бухура, хеттарш деш.  Зударийн белхар а ца хедара.
— Разойдись! Ну-ка-разойдись! Прекратить рыдания, шакалы! — тоьпийн баххьашца нах д1асатетта бевлира салтий.
— Хьусай, хьо к1адвелла ву. Меца а хир ву. Чу г1ой, аг1ор валий, сада1а цхьажимма. Сарахь вовшахкхетар ду вай, — элира Асвада.
— Нах д1абоьхначул т1аьхьа а Асвадах хьаьрчинчуьра д1а ца бовлуш, бехха лаьттира Макка, Медана, 1абдурахьман. Йоьлхучуьра метта ца йог1уш, йоьхна хьийзара Хьусайнан йиша, Асвадан нана Заидат а. Нохчий санна хазахеташ, йоккхаеш хьийзара Людмила Васильевна а. Цунна девзира Хьусайнехь долу ша яздина хилла кехат.

Ши де даьккхира Хьусайна бохийна балийначарна юкъахь. Иза кхин а 1ен дагахь вара. Амма Асвадан цуьнца цхьана буса кху тайпа къамел хилира. И къамел тахана а шерра дагадог1у цу буса  наб кхетаза, цаьршинна уллохь хиллачу 1абдурахьманна.
— Кху лулара нохчийн ши   доьзал бедда   Кавказе ц1а бахана боху — д1адолийра Асвада меллаша, Хьусайнан лере а таь1на
— Маца? Муха? Д1акхаьчна бохий ткъа? — хаьттира Хьусайна.
— Д1акхаьчна боху.
     — Иза муха нисделла-техь церан?
— Ас хиттина нахе. Схьахезаш дерг иштта ду. Шелахь, маьждигана гена воццуш вехаш ву боху цхьа стаг, Залкупли бохуш цIе йолущ. Ч1ог1а доьналла долуш, хьесап дика долуш стаг ву боху иза. И  Залкупли бохург ваийтина хилла цхьана шелахоша, дуккха а ахча а делла, шайн гергара нах ц1абалабе, аьлла. Цо д1абигна боху-кха кхузара и нах, шайн зударшца, берашца.
— Вай, цуьнан муха аьтту баьллатехь уьш д1абига? Массо а маь11ехь а 1едалан нах, милици, салти ма бу станцешкахь пIелг санна дIа а х1иттйна, лаьтташ?
—Цунна хаьа боху мичхьа д1алечкъаш, гIаш ваха веза, мичхьа цIерпошта т1е хаа веза. ГIаш доьлхучу хенахь буьйсанна д1абуьгу боху цо нах, къилбаседе а хьоьжуш. Стигларчу седарчашца хаьа бохукха цунна мичхьа д1аваха деза. Яла мегачохь х1ума а луш, салташца дийца а хаьа боху цунца. Цундела сан дехар-ду хьоьга, Хьусай, сихха кхузара д1а а г1ой, цу   Залкуплех   кхетар, вайн ц1ера ков-керт, ц1енош д1адоьхкича, шай-кай а а вовшахкхета мегара хьан.
        —Дика ду, — доккха са даьккхира Хьусайна. Маржа я1, ц1авирзича, ц1ахь маьрша вахар мукъа хир делара хьан а, шу масссеран а. Давадан санна декъаза дакъа д1атекхо дезар дукха хьан а.
        —Ас цуьнан г1айг1а ца йо хьуна! — ондда элира Асвада. - Ас сатуьйсург, ма-дарра аьлча, цхьаъ ду хьуна: вала мукъа ц1а кхочур вацара техьа?! Тхаьш дерраш делча а, х1умма а ца хетара-кха суна, цкъа ц1акхочур дуй хиъча!
        —Дика ду. Ц1аг1ур ву со. Схьа а лохур ву и ахь вуьйцу Залкупли, Дала мокъалахь. Шу долу меттиг а юьйцур ю. Караяла сом-ком а вовшахтухур ю. Бакъе а, х1ан, х1ара жимма шай-кай еара ас шун ц1ера ши сту д1абоьхкина. Д1а ца боьхкинехь а  Iедало д1абоккхур болуш бара и шиъ. — Кисана кхевдина, йовлакха юккъе дихкина ахча д1акховдийра Хьусайна Асваде.   
         —Х1ан-х1а, Ваша, цу ахчанах оха кхузахь дан х1ума дац, —
 дуьхьал куьйгаш тесира Асвада, — ас доьху хьоъга,   Ваша, тхан оцу Залкупли бохучуьнца дерг д1анисдар. Кхушара кхузахь 1аьнак1ел долхахь, кхин т1екхача стаг а воцуш, овсал хилла уьстаг1ий санна, лийр ду тхо кхузахь дерриш а. К1елвиса г1ерташ ву Шайхмохьмад а, пекъар. Г1айг1анаша  баланаша Iовжийна кхузахь адам. Соьга хьастаг1а Шайхмохьмада х1ун элира хаьнй хьуна?
      —Х1ун элира?
— Ша кху стирлокаша д1авахийтича, Кавказ йолчу аг1ор г1аш д1аоьхур вара ша бохура-кха, велла д1аваллалц! Мелла а, цхьа г1улч а Даймахкана уллохь вала лаьара шена бохура-кха!
Хьусайна жоп ца лора. Цуьнан легашка шад г1оьртинера. Хьусай ша а вацара х1инца жимастаг. Шовзткъей итт шо тIехъиккхинера. Шайхмохьмад-м цуьнан ден хеннара стаг вара.
Хьусайна а, Асвада а вовшин кхоош, вовшашка цхьацца вон х1уманаш ца дуьйцура. Хьусайна ца дуьйцура Асваде церан ц1енош, цхьа чим бен ца буьссуш, дагийна хилар. Асвада ца дуьйцура шаьш лайначу халонехт лаьцна.  Ца дийцича а, гуш дерш а дара даге ла ца даллал ондий х1уманаш. Барам бацара харцонийн, къизаллин.
— Ма ч1ог1а оьг1азбахана хилла-кха х1ара г1азакхий вайна. Х1ун дина хилла-техь вай кхана? — хаьттира Асвада меллаша, шайна денна готуьйсу стрелокаш дага а баьхкина.
- ГIазакхийл г1олехь бу вай вешан ц1ахь битина йовсарш? Рахьимг1ар-м вайн а бай шортта, муьлххачу г1азакхел т1ехлилхина а болуш.
— Иза а бакъ ду, — реза хилира Асвад. — Давадан аьтту ца баьлла боху ахь х1инда а и боьха х1ума ен?
         - Ца баьлла.
       - Маржа яI, и стогалла мукъа ели елара цуьнгара, ша х1ара ерриге а базар д1айолийна хилча муххале а.
— Собар де ахь. Сих ма ло хьо. Дог1ур ду хьуна иштта де а. Массо а х1уманан а шеен хан - зама ю.
     — Хаац маца йог1ур ю, бакълуьйриг бакъ а волуш, харц луьйриг харц а волуш зама. Кестта хир дуй техьа ишттаниг?
     — Кестта хир ду, — майрра жоп делира Хьусайна. — Сталин боху гуьржийн к1ант хьаха  вац ледара к1ант. Иза кху наха лелочун духе кхиъначул т1аьхьа, дерриге а д1анислур ду. Цхьа боьха муьжгий, жуьгтий, заддаш ду боху цунна гонахьа, бакъдерг цунна т1е ца кхочийтуш. Маржа я1, шина-кхаа минотехь цуьнан куьг а лаьцна,  цуьнан б1аьра а хьаьжна, къамел дан йиш йоцу!
            -    Хьусайн.
            -   Х1ун боху ахь?
            -   И Залкупли ц1ахь ца каравахь, х1ун дийр ду ахь?
            -  Таккха кхин лохур ву-кха   и г1уллакх  шена т1елоцу дерг.
          -   Кху барака улло дийнахь ма вола, буьйсанна вола алалахь цуьнга. Хьо д1авахана итт де даьллачу дийнахь дуьйна ас иза ч1ог1а ларвийр ву хьуна, х1ора буса а.
           - Асвад, цхьана х1уманан ойла йиний ахь?
           - Стенан?
            -  Ловр дуй техьа аша г1аш некъ бар, арахь буьйсанаш яхар?   
             - Тхо х1ета а, вета а, кхузахь лийр долуш ма ду, Ваша. Цулла а, велларг новкъахь д1а а вуллуш, ц1ехьа г1ортар ма тоьлу тхуна.
               Хьусайна кхин хеттарш ца дира.
          -  Дала мокъалахь, сайн са а, ницкъ а ца кхуош, шуна т1е и къонаха хьажон г1оьртур ву-кха со — дош делира Хьусайна.





        Буьда а, еттана а картолаш ор чу кхийссира Солтабека.
     - Э, Дела реза хила хьуна, ма дика к1ант ву хьо, - хастийра Ибрах1има шен хехо. – Хи генахь дуй хьуна?
     - Генахь дац, - доцца жоп деклира Солтабека.
     - Мацах цхьа ламаро хилла цхьана кога т1е а х1оьттина, ламаз деш. И иштта х1унда ди ахь, аьлла, шега хаьттича, и цхьа ког д1абила хи ца тоьира шена, аьллакха цо. Цуьнга терра, хи ца тоьа сунна ламаз эца а. И ахь чуховдош долу ведар доккхо – о –ниг карор дарийтехь хьуна?
     - Кхана ваг1уш дахьар ду ас, - реза хилира хехо.
     - Э, дукхаваха хьо. Делахь, хьо юхавог1уш цхьа еша книжкаш мукъа ялахь суна. Дика дуй?
     - Дика ду.
     - Солтабекаца хийцалуш вара цхьа верстана жимастаг. Цуьнах Ибрах1има Букъарш олура. Букъарша, хетарехь, дегабаам ца бора. Цо ша вог1уш дуккха а 1ежаш а, наьрсаш а, нехча а, хьокхам а деанера йийсархочунна.
     - Ваша-а, хьо х1унда валийна цара кхуза? Х1у динера ахь? – хаьттира цу сарахь Букъарша.
     - Цхьа мостаг1а ву сан, - жоп делира Ибрах1има, ор чуьра хьала мохь а тоьхна. – Со колхозан председатель волуш, юьртата х1оттайра иза дудаевг1ара. Колхозан бежнаш а, устаг1ий а д1адига г1ертара иза. Ас ца дуьгойтара. Уьш д1адигча колхоз юхур ма яра. Мацах заманчохь сан дайшкара устаг1ий, бежнаш, говраш схьа а яьхна, и санна болчара, йиллана ма яра и колхоз. 
     - Т1аккха? Йохийра цара колхоз? – хаьттира Букъарша.
     - Со тийсавелира, къар ца вала г1ерташ. Цара, со кхеро, дукха х1уманаш лелайра. Граната а кхоьссира уьйт1а. Берашна а кхерамаш кхуьйссура. Т1аьххьара а, буьйсанна хехо д1а а вихкина, бежнаш д1адигира. Тхуна юьккъе дов дуьйлира. Ц1ий 1ана доллура. Сан гергарнаш а, уллоранаш а г1евттанера, герз эца шайна, бохура. Со реза ца хилира. Иштта д1аелира тхан колхоз. Юьртарчу наха дукха къахьегна бахам бара иза.
     - Шаьш колхоз йохийча, х1инца мукъа хьоьга х1уде боху кхара? – цецваьлла, хаьттира хехочо.
     - Соьх ца теша уьш, со г1азакхашкахьа ву моьтту царна. Цул сов, сан д1адиллана дуккха а рицкъа а ду моьтту. Со шайгара эца сан гергарнаш бог1ур бу моьтту, дуккха а ахча а дахьаш. Иза бакъ ма дац. Со цкъан а ца хиллера каетташ лелаш. Я д1адиллана царна моьтту ахча а дац сан, вон – дика дерзо йитана г1ийла шайнаш йоцург.
    - Хьо лохуш нах буй ткъа? Хьо мичахь ву хеай хьан ц1ерачарна? – хаьттира дагахь х1ума доцчу хехочо.
    - Дера ца хеа. Хууш хилча, со к1елхьара ваккха схьахахкалур ма бара уьш.
     Цулт1ехьа хехочо кхи хабарш ца ди1йцира. Хетарехь, ша кхузахь х1унда латтош ву, дагадеанера цунна.




* * *
         Хьусай д1авахара. Цхьа тамашийна дог-ойла айделира Асвадан. Цунна хаьара Хьусайна шех тешийна г1уллакх ледара дуьтур доций. Иза тешна вара сентябрь бутт юккъе бахана, шело х1отеале шайна т1е Залкупли, я цхьа кхин накъост кхочург хиларх.
        Доьзалшка, гергарчаьрга х1умма а да дуьйцура Асвада. Де дийне мел дели г1еллуш, сингаттам алсамболуш лаьттачу Шайхмохьмаде-м къадийра цо:
    - Варийлахь, Ваша, г1ел ма лолахь, кестта ц1адерза мегаш ду хьуна вай.
          - Х1е-х1! — велар иккхира Шайхмохьмаде. — Дера бац, к1ант, оцу стирлокаша вайна т1екъерзон б1аьргаш вайх х1умма а къинхетам алсамбаьлла къерзош. Цулла а, сан до1ийна жоп ло, алий дехахьа ахьа а  Деле.
         - Муьлхачу до1ийна?
          - Деле доьхуш ву со х1ора ламаза т1ехь а, суо шелъелла, латта кхоччуш г1орадале валийтахьра, бохуш. Тамашийна х1ума а ду иза. Эчигал  ч1ог1а  ч1аг1ло-кха кхузара латта. — Йовхарш  тоьхна, дуьйцург сацийра Шайхмохьмада. ТIаккха элира: — Ца лаьракха каш доцуш, б1аьсте яллалц бохуш, лай к1ел 1илла, ж1аьлеша дег1ан меженаш а цоьстуш.
          - Д1авалахьа, Ваша, валар ма хьехадехьа. Лийр ваций хьо-м. Вай-м вешан Даймахкахь духкур дай д1а, вешан кешнашкахь, Дала мокъалахь!
           - Цулла а, и хабарш а ца юьйцуш, цхьа ч1агIо ехьа суна.
            - Х1ун ч1аг1о?
            Алссам т1ехула ц1е ягийча, деша боху т1ехулара латта. Бух-бухарниг жимма атта хуьлу боху ахка. Ас гулйина г1еххьа коьллаш а, гIий а бу хьуна. Х1уъа дай а, со   лаьттах   дIаволла   хьажахьа.  Иза дар-кха   сан весет. Хьоьга ца дина, сан и кхин дан стаг а вацара.
         Цу дешнаша йохийра   Асвадан    Кавказе   вадаран   хьокъехь цхьангга а и де тIекхаччалц ца дийца хилла ойла. Цо дийдира дешиче, шен Хьусайнаца хилла дерриге а къамел.
          Шайхмохьмад хийцира цу хаамо. Хаа а луш, букар доьллачуьра дег1 хьаланисделира. Ши бIаьрг серлабелира. Ган а гуш, бухабирзира цо ша шен коша чу берзийна хилла некъ.
           И шиъ Кавказера хаам кхачаре  сатийса вуьйлира.

**


Рахьима даийтина кехат дешна, кийра ц1е кхерстина, чов хила д1асахьаьвзинера Давад. Бозуйна хаабелира цуьнан юьхьа т1ера байна бос, синтем байна амал, герзах каеттар, хахка кечъеш санна, говрана куьгхьекхар.
 —Х1умма а м ца хилла? Хьо воьхна хьийзаш санна ма хета суна? — Давадан б1аьра хьаьжира стомара дуьйна меттара хьалаайвелла, кертара цхьацца г1уллакхех куьйгаш 1уьттуш, лела Бозу.
      —Х1умма а ца хилла. Даккхийчех дацара уьш-м, - сингаттаме жоп делира Давада.
 Вист ца хуьлуш г1еххьа хан а ялийтина, юьстах кхоьссина, 1аършнаш а кегдина 1уьллучу салазна т1е охьа а лахвелла, элира Бозус:
 — Давад, вайшиъ цхьанахеннара ши стаг ву. Цхьатерра харцо а еана, хьаьшина, лазийна юьстаха кхоьссина а ву. Цхьацца ву вайшиъ. Амма х1инца дуьйнна вовшахкхетахь, шиъ хир ву. Шинга атта лалур бу вайшинга хьан бала а, сан бала а.
Вайшиъ цецвийла дисина х1умма а дац кху дуьненчохь. Кхин мел харцонаш гина цецвийр вара вайшиъ, кхарел яккхийнаш? Стенах дозаллаш деш, стенах 1ехавелла вехар вара вайшиъ кху харц дуьненчохь?
Бозуйна уллохь, геннарчу лахене охьа б1аьрг а бетташ, вист ца хуьлуш лаьттара Давад. Бозуйн багаха мел долу дош цунна шен даг чуьра долуш санна хетара. Бозус-м кхид1а а дуьйцура:
— Ахь к1елхьара ца ваьккхинехь, со х1инца велла  хир вара.  1уьллуш хир вара, къийгаша б1аьргаш а диъна. Х1инца ас хьуна баркаллаш баьхча а, хьайна луург сайх де баьхча а, и дерриге а суна осала хета. Ахь к1елхьара даьккхинарг бежана дац, стаг ву. Цундела суна вайшиъ тахана дуьненчохь а, кхана эхартахь а ши ваша хуьлийла лаьа. Ши ваша хиларал а сов, ши доттаг1а хуьлийла лаьа! Шина вешех-м ши мостаг1а а хуьлу наггахь.  Цундела суна дезарг - тешаме доттаг1алла ду, вайн нохчалло ма хьеххара. – Жимма ойла еш сецна, кхид1а а дийца волавелира. -  Бакъволчу шина нохчочун  доттаг1алла доха йиш яц, ларамза к1оршаме дош вовшашка алахь а, дар-дацар 1отталахь а, кхидолчу кегамерсачу х1уманашна т1ехь а. Къонахчийн доттаг1алла шелдеш, дохош дерг цхьаъ ду: вовшашка бакъдерг ма-дарра цадийцар, дика а, вон а вовшех лечкъор. Цундела, Давад, суна ахь сайх хьайн дагара лачкъор луур дац.
        Охьенга б1аьрг беттачуьра юкъаха а ца волуш, Давада элира:
        - Бозу, хьо вовззалц со цхьана, суо цхьаъ вара. Сан дагах кхета стаг ца витинера 1едало кху лаьмнашкахь. Хьо суна Дала вовзийтина. Дала тоьхна хьо соьх. Ас хьоьга а дуьйцур ду сайн да¬гара. Ахь соьга а дийца. Нийса боху ахь. Шинна атта хир ду вайшинна, шенна-шена а ваьлла лелачул. Делахь а, цкъа тахана ма дийцийта соьга. Хьо г1ийла ву х1инца а. Масех де мукъа хан йолуьйтур ю вайшиммо. Хьо дикка товелла д1ах1отталц. Вайшиъ шиъ бен а ца хилча, вайшингахь г1ора к1езиг а хилча гуттар а далатоьхнарг дац иза? — забар ян г1оьртира Давад. Амма цо шен ши б1аьрг Бозуйх идабора. Тамехь ца хетара цунна Рахьима мел лелон харцонаш цуьнга д1айийца а. Адамера оццул инзаре харцо¬наш юьйлу аьлла, х1ара тешон г1ерта а.
       -  Со могуш ву, Давад! Т1ехьаьжна г1ийла хетарх, миччахьа а ларор волуш ву!
   - Х1ан-х1а, Бозу, ма дехьа соьга дехарш шина-кхаа дийнахь мукъа. Т1аккха вер ву-кха вайшиъ цхьане ара. Ас дош ло хьуна!
* * *
Ша райцентрера араваьлла, генна д1аса мел ца волу, Давад холчахь 1аш хир вуй хаьара Рахьимна. Цундела иза ц1ахь д1алечкъара, х1уъа дина а, дар а вина, к1ант шена т1ег1ортийта. Гуттара а ладуьйг1уш, сема хуьлура иза урамашкахула д1асаволуш.
Кехат д1акхаьчна хир ду аьлла хетачу буьйсанна дуьйнна-м цо х1ора буса а ладуьйг1ура х1инций-х1индий Давад схьакхочу, бо¬хуш. Бан кечбинера тешнабехк.
    Ахкал дехьа шаьшшинан говраш д1а а тийсина, боьрах меллаша хьалавелира Даваддий Бозий. Буьйса юккъе яхана хан яра иза. Къегина чукъерза  седарчий доцург, кхин стиглара чу серло луш х1ума дацара.
- Не1 къевлина хилахь, со кор а дохийна сихха чуэккхар ву, хьо арахь со ларвеш 1елахь,  - лере таьIира Давад Бозуйна.
- Со вер ву чоьхьа. Хьо арахь 1е!
-И ма дийца. Вайшинна аьтту бохабо ахь уьш дийцича. Хьуна иза юхьаца а ца вевза. Суна вевза!
       Леккха хьалаевллачу хьаьжк1ашна юккъехула д1авахара бекхам бан воьду шиъ. ЦIеххьашха т1е1оттавелира дехачу, хьалхахьа д1а учи а йолуш, диначу ц1еношна.
  - Ахь арахь собарде. Со воьду, — пхьарс лаьцна, сацийра Да¬вада Бозу.
        - Дика ду. Дала аьтту бойла хьан.
  Учийна чуьра ц1еношна чоьхьа волуш ши неI яра. Цхьа не1 т1ехула доккха дог1а а оьллина лаьттара. Вукху не1арна хьалха цхьацца мачаш а, царна юкъахь эпсаран эткаш а 1охкура. Давада меллаша не1 схьаозийра, аьтту куьйга топ а къуьйлуш. Не1, чухула ч1уг тесна, къевлина яра. ТIаккха Давада меллаша коран рама схьаозийра. Рама схьаеллаелира. Давад, хазахетарца дог кхийса а луш, чоьхьа велира. Топ коча а оьллина, шаьлта баттара яьккхира.
Чохь аддам а ца хаалора. Сирнакаш латийра Давада. Чохь, дечиган маьнганна т1ехь хаба а хебна, вижина Iуьллура цхьа къо¬наха. Цкъа юха а сирнакаш латийна, чоь серла а яьккхина, белшах шаьлтанан юьхьиг 1оьттина, самаэккхийтира Давада вижина 1уьллург. Иза Рахьим вацара...
Вижина 1уьллучо, кхеравелла, шена чуьра ма болу шийла мохь хьаькхикра. Цу маьхьарца цхьа а адамийн дош дацара, уьш цхьа ен кечйиначу экханан узарш дара.
Г1еххьа кхеравелла, коре а иккхина, дегочу куьйгашца юха а сирнакаш ла¬тийра Давада. Къонаха цхьана маьнганан сонаха летта, вала сан¬на кхеравелла, куьйгаш лестош 1ара. Цу минотехь тидам хилира Давадан тховх даьккханчу доккхачу 1уьрган. Цу йуьргех цхьаммо сихха чу хьажийра тоьпан юьхьиг. Давад юьстах эккха ларийра, сирнак юьстах а кхуссуш. «Гов-в-в!» — аьлла, дуьне дат1о санна, топ елира. Корехьа д1ахьада вуьйлира Давад. Амма тоьпан юьхьигера схьакхуьйссучу ц1ерца д1аетталу даьндаргаш цу коран терхенах етталора.
Йоккха хан ялале, кхиссина д1аяхийтинчу не1арийн тата делира. Давадна хезира адамийн г1овг1анаш. Когайи татанаш.
Иза доллучух а кхийтира. Х1ара к1ело яра. Цунах кхеттачу Давада сихха тхевна даьккханчу 1уьргех хьала а, корех ара а шозза топ кхоьссира.
Хьаьжк1ашна юккъера схьа кхуьйсучу тоьпан татанаш девлира.
- Давад, вадалахь, го бу хьуна бина! Ас х1орш кхузара лохку  хьуна! — Бозус бетта мохь хезира цунна.
Го биначара хьаьжк1аш юккъе дуьхьал тоьпаш еттара.
 - Кху чуьраниг ларвелаш! Чуьраниг ма валийталаш! Кор ларделаш! — мохь а бетташ, тхов т1ера чуиккхира цхьаъ. Давадна девзира и дуткъа, стешха аз. И аз Рахьиман дара. Кхуьйсучу тоьпан массех даьндарг кхийтира коран гурах. Давад кхийтира ша цу корехула аравалалур воций.
Д1асакъерзарх, кхин кор дацара цу ц1ийнан. Юха а сирнак а латийна, Давад тховх даьккханчу 1уьрге хьала хьаьжира. Цигах чекхвалавала таро йолуш дара, жимма хьакхарш охьа а даьхна, туьрсийн юьхьигаш жимма кегйича.
Цхьа пхьарс а лаьцна, маьнганан сонехь тебба 1аш волу къона¬ха ц1енкъа юккъе ваьккхира Давада. Шега багах д1адуьйцург ца хезара цунна. Маттах а ца кхетара.
 Цуьнан белшашна т1е а хиъна, тховх хьалакхевдира Давад. Жимма 1уьрг д1асашордина, хьалавала тохавелира. Бухахь валчо, цхьа дика, г1о дора. Гарехь, иза цомгаш, г1ийла стаг вара Рахьима ша ву моттайта, д1авижайна.
Кхуьйсучу тоьиийн тата лаг1далале тхов т1ехула ведда вукху маь11е кхечира Давад. Кортий, белшашший г1ортийна кибарчигаш меттах а йохуш, хьалаваьлла, т1ера чу кхоссавелира. Цу минотехь иза хьаьжк1ашна юккъехь д1авайра.
Дуьхьалкхуьйсу топ сецча, т1ебевдира милцой Бозуйна. Чиркх латийна, схьалехира. Карийра дерриге а ц1ий д1а а ихна воьжна 1уьллучу жима стег.
— Велла.
— Вийна.
—Дийна хила а мега. — Чохь са дуй техьа кху бандитна?
— Схьадовда чехкка, вита иза, вийнехь. Кор ларде! Кор! Кху чохь ю и Давад боху боьха х1ума! — мохь оьхура Рахьиме.
— Бозу-у! Бозу-у-у!!! — дерриге а дуьне 1адош, мохь белира Давадехь. Дуьхьал аддам а вист да хуьлура.
— Бозуу! Во-о Бозу, вистхилахьа!!!— юха а мохь туьйхира Давада.
—Иза ву-кх иза! Цуьнан бу-кх и суна хеза мохь! — дийкира
Рахьиман дуткъа аз.
Давад ц1еношна улло г1оьртира.
—Ма вахийталаш! Ма валийталаш! Живым или мертвым захва¬тить велаш! Окружить массо а аг1ор! — мохь оьхура Рахьиме. И мохь хез-хезачу д1а а ерзош, тоьпан лаг уьйзура к1анта.
Тоьпаш маь1маь1ехь йийла евлира. Давад д1ахьаьдира лазайна, я вийна Бозу 1уьллу  аьлла хеттачу метте, иза д1авахьа дагахь.  Оццу хенахь аьрру белш кхоьссина т1ера д1айохуьйтуш сана хийтира. Даьндарго дийнна цхьа левчиг эккхийтинера. Мела ц1ий хьаьдира букъа т1ехула а, пхьаьрса т1ехула а охьа, пхьуьйша  чу.
 Саццаза тоьпан, тапчанан легнаш ийзадора Давада, хьаьжк1аш юккънра цхьа а хьала ца айвалайта.
 - Бозу-у-у! Ва Бозу-у-у!!! – мохь хьоькхура цо.
 - Со ву. Со кхузахь ву! – Г1ийла дуьхьала хезира.
 Говр улло кхоьссина, салтий метта бахкале, Бозу говра т1е ваьккхира Давада. Кхи цхьа даьндарг а кхийтира цуьнан букъах. Холча  х1оьттина, узарш а деш, Давада шен говр   басайисте   хьаьхкира.
Цигахь, баса уллохь цхьа къонаха лаьттара. Аьтту куьйга т1еерзийна, тоьпан лаг озийра Давада. Цхьа вон мохь белира валаран чов хиллачуьнга. Давадна и мохь цхьана жимачу кIанта олуш санна хийтира. Дог цхьа тамашйна 1аьвжира. Делахь а, кхин цуьнан ойланаш еш 1ойла дацара. Басах чу а иккхина, ахка чухула хьалахьахкира Давада шен говр. Цигара схьаяьстина, Бозуйн говр а д1айигира шеца.
**


 Давадаца хилларг Бозу хиллий хиира НКВД-н салташна. Шозлаг1чу дийннахьехь говрашка а хевшина, хьалахахкабелира Яьскахьехе.
Иоккхачу гIовгIанца, говраш хаьхкина схьалилхира уьш к1отара. Дуьхьалъяьлла Бозуйн х1усамнана йоьхна латтара.
— Кхоана х1ун ло ахь, заббари, хьан майра денвелла хилла хьуна! — схьакхайкхира цхьаъ.
— Бакъду, кхул т1аьхьа шоллаг1а-м денлахь тамаша бу хьуна иза. Х1инца хьайна цхьа кхин г1айг1а бан дезар ду хьан, оцу гай чуьра  оцу бандитах дина къут1а охьадоллушехь! Хьа-хьа-хьа!
— ДIадала новкъара! Стенна лаьтта хьо, ешап, дог1а а делла? Эхь а хетий ткъа х1умма а ? —ластийна, коьртах шед туьйхира зудчунна Рахьима. 1овжийна, кхераелла, шийла мохь а аьлла, лаьтта охьаюьйжира зуда.
— Йитал иза! Чохь мила ву хьажал!
Тапча а яьккхина, ц1енош чу велира милцо. Тоьхна, аракхоьоссира цо цу чуьра воккхастаг.
—XIара цхьа къанделла гужум бен кхин аддам а дац.
      ТIевахана, воккхачу стагана тIе говр етта ша боху сурт х1иттадора Рахьима. Воккха стаг, ша цамгарца хиларе терра, дуьхьал куьйгаш а лестош, вухауьдура.
— Хьа-хьа-хьа-а!!! — воьлуш, г1адъоьхура Рахьим, — х1оккхул боьрша воцучу ден к1ант  веана хилла-кх со вен! Къанделла ж1аьла.  Советан 1едал дохо г1ертара шу? Шайга дохалур ду моьттура шуна? Мичхьа ю х1инца ахь кху к1отарахь зирх тийсина, дебийна кулакин бен? Бац! Хир а бац! Ас дойур ду шун х1у! Кхин бер бац хьуна кху к1отарахь к1ур хьала, со а, Советан 1едал а дийна мел ду!
Воккхастаг, лаьтта охьавоьжна, шина куьйга корта а лаьцна, Деле кхойкхура.
— Ва-а, Дада-а! Ма вехьа тхан Дада! Хьайн Делан, устазийн, пайхамарийн дуьхьа,  ма ве иза! — тееддера нус.  Рахьима х1инца цунна т1е еттара говр.
— Кулакийн зама остйолу хан ю хьара, заббари, хьо а остъяьккхйча бакъахьа хир ма дара!
- Хьа-хьа-хьа-а! — буьйлура милцой.
—Же, хан ма яйал, ц1е тасал ц1енойх! — омра дира Рахьима. Цуьнан багах и доллушехь, д1алилхинчу наха, тхов тIера йол а, чуьра цхьацца т1уьйлигаш а аратакхийра. Т1аккха, йоккха хан ялале, ц1енойн пенойх хьала ц1еран алу хьаьрчира.
   Марсайолучу ц1ерах баккхийбеш, хьуьйсуш лаьттара милцой.
   Ц1еххьана, д1аведда, воккхастаг догуш лаьттачу ц1енойн не1арх чу иккхира.
— Дада! Дада-а!!! — шийла мохь аьлла, тIаьхьаедира нус. Дуьхьалалилхинчара иза юьстах кхоьссира. Зуда етталора, шен мардена тIаьхьа яха г1ерташ. Амма иза сецайора, месаш лоций юхаозош, бат 1овдий латтош.
— Х1ара-м мегарйолуш ю шуна. Д1а юьстаха а яккхий, ж1аьлен болх бейша, — къежна, бат а саттийна, элира Рахьима. Милцоша иза къобал ца дира.
   Даьгна довлуш лаьтта ц1енош т1ехаьрцира. Охьайоьжна зуда, узарш дан юьйлира, шен гай а лоьцуш. Милцой Рахьиме хьаьвсира.
— Зудче баьр дайта хууш мила ву шуха? — къажа а къежна, хаьттира Рахьима. Цхьа а вист ца хуьлура. - Къуранор, хаьа шуна кху  т1е кхаччалц дерг дан-м, хьа-хьа-хьа! — велавелира Рахьим. Масех накъост а велавелира.
— Шен хьаштдерриг дахьара кхо-м. Вай кхуза ца даьхкинехь, х1ун дан йоллура х1ара? Д1адоьлху вай. Вперед! — омра дира Рахьима. Уьш д1алилхира.
* * *
Ц1ий д1аихна, г1елвелла, Яьскахьехе хьала кхачалур а ца хилла, юьрта вахана, гергарчаьргахь сецира Давад. Цу буса Бозу а г1ехь метта веара.
Х1инца и шиъ Яьскахьехе д1акхача сахьт гергга хан бен ца йисинера.
Хетарехь, г1аш воьдуш хилча, ваха а лур вацара и шиъ. Х1инца-м говраша д1ахьора, цхьацца ког боккхуш.
Рахим вен юха а шен ца баьллачу аьттоно холча х1оттайнера Давад. Лозу чевнаш ца хаалора цунна. «Х1ай, веза Дела, х1ун г1уда хьаьрчина хилла-техьа сох? Хьенан къинош летта хилла-техь сох? Аса-х кхеттал хилчахьана, цхьа марха ца дохийнера, наггахь бен ламаз ца дйтинера. 
Остопирлах1, осто-опирлах1, Дела, къинт1ера валалахь сан 1есачу ойланашна... Делахь а, х1у  къинош летийна хиллера-техьа сан дас, нанас, йижарша, вежарша? Х1ун кхерам бара-техьа тхоьгара 1едална? Х1унда толави-техьа ахь и Рахьим боху боьха вир? Х1унда би-техьа ахь цуьнан аьтту?
 Ма дохий ахь тхо, ма даржий ахь тхо, ма 1азапе лецийти ахь тхо, ма х1аллакдайти ахь тхо...
Аьлча а, остопирлах1, остопирлах1, остопирлахь! Дела, 1еса ма ларалахь и сан ойланаш. Ницкъ лолахь сатоха, собаре хила, бекхам бан1 Х1аъа, х1ай веза Дела! Бекхам бан ницкъ лолахь.
 Бекхам а байте, лолахь суна 1ожалла, х1ай веза Дела! Кхин до1а дац сан хьоьга дан. Бекхам байталахь, х1ай хьомсар Дела. Х1ай, веза хилла волу Дела!
  Лаьмнаш... малх... дуьне... Шу-м лаьтта селхана, стохка, гуттара а санна. Бала а буйтехьа шуна шайн некха т1ехь, шайна юккъехь, шайн з1аьнаршна к1ел лелочун? Я адамийн собар, эхь, оьздангалла, къонахалла зуъйш лаьтта-техь шу? Лаьттахь, стенна кхобу-те, стенна дохдо-те аш хьарам, харц, осал, д1аьвшечу текхаргийн амалехь адамаш? Оьзда йоцу х1уманаш къонахийл алсамбевлча, дан х1ума дац-техьа шун а? Хьанна гур ю х1ара инзаре яккхий харцонаш? Мила х1уттур ву теш? Хьанна хуур ду кху доллучун а нийса мах хадо? Маца йог1ур ю иштта зама? Хьан, сте духатухур ду х1ара дин, оьздангалла, нийсо йоцу йилбазийн ох1ла? Ма доккха х1ума ду хьо, х1ай веза Дела...»
  Давадан лерехь эццигахь юха а дийкира шен карах топ кхеттачу жимачу стаге баьлла ирча мохь.
«Берашха, жима стаг вара-кх иза, хетарехь. Дийна мукъа ца висина-техь? Веза Дела, ма онда х1ума ду-кха адамаша вовшийн х1аллакдар! Стенна гатдина-техьа кху 1едало оццул адам вовшаш-ца, вовшийн дайъал? Ма атта х1аллакдо-кха кху Iедало адам, нахаро хьошу зннгатийн гу санна. Х1ара инзаре гамо, мостаг1алла… Цхьаммо сацо ца деза х1ара, цхьаъ къар а велла, цхьаммо г1ело т1е а лаьцна? … Х1у бехк бара цу ас вожайначу жимчу стеган? Д1авуьйш верг а, схьавуьйш вверг а нохчо вац? Дагавер ву со Бозуйца. Гамоно гамо кхуллу. Мостаг1аллайо – мостаг1алла…»
Иштта хьийзара Давадан ойланаш. Ца леара цунна ша бахьанехь, шен карах нах бала. Рахьим, бекхам ца беш, вита а ца леара.
Давадна дагадеара хьастаг1а новкъавог1уш энкеведан начальника Исаковс дина бохург. Новкъа схьавог1уш, цхьана кхура к1ел ламаз деш воллуш воккха стаг гина цунна. Къаьркъа мелла, кепйина а хилла боху Исаков. Саца а сецна, мохь тоьхна боху цо воккхачу стаге:
— Х1ей, нохчо, схьавоьл цкъа суна улло!
Воккхачу стага ламаз ца дохийна боху. Т1аккха, ламазна корта тоха иза охьатаь1ча, схьаяьккхина, кхузза тапча а тоьхна, элира боку:
— Х1инца 1илла хьайна, хьайн Далла гуттаренна а корта а бетташ!
Цхьана хилла энкеведан белхахой нохчий а цунна т1аьхьа а х1иттина, д1абахана, вийначуьнга буха а ца хьовсуш...
Д1акхечира Давадде Бозуйе к1отара. Аьлча а, к1отар лаьттинчу, яьгначу дечигийн хьоькхнашнай, к1урзашнай т1е. Чевнаш тергалъян ца ларош, говрара охьа а иккхана, т1ехьаьдра и шиъ.
Юкъ х1инца а йовха яра. Цхьацца долчу ч1ийшех к1ур буьйлура. Гена йоццуш 1уьллура Бозин х1усамнана. Цунна уллохь х1етта дина, делла бер. Беро, д1акирчина, буц ятийнера. Гарехь, хьажа да воцуш, дилхина, кирчина, деллера иза.
Зудчун б1аьргаш къигаша диънера.
Уьшала йистехь дуккха а берзалойн керла лераш яра, Гарехь, доьлхуш бер а долуш, гонахьа хьийзйнера уьш. Берах а, ненах а къахетта, т1е ца г1оьрташ, д1аяханера.
Цу суьрто шаьшшинна  кхул хьалха мел гинарш дицдалийтира Да¬ваднай, Бозуйнай. Вовшашка кхи х1умма а цка дийцича а хиира цаьшшинна кхулт1ехьа бекхам барий бен шаьшшинан кхи дуьне а, рицкъа а доций. Амма х1инца кечам лерана бан безара.

***


Бозуйн ден, х1усамненан, беран кхо дакъа д1адоьллира Давадай, Бозуссе Яьскахьехехь.
Г1а охьадоьжна, хьаннаш сирлаевлла хан яра.
Юьрта охьа веана, дарбанаш а лелайна, чевнаш д1айоьрзуш йохкура шина к1ентан.
Дуьххьара ломахь ло тесна денош дара уьш. Ши к1ант т1емна кечам беш вара.
7 ноябрехь районехь дукха хьаькамаш гуллой, праздник х1утту, цигахь, парадехь хуьлу Рахьим а, цуьнан хьаькам Исаков а, - аьлла, хезнера Давадна. Шина к1антна шаьшшина а гинера цу дийнахь ярташкара нах райцентре уьхуш, говрашкахь, ворданашкахь, массо а х1ума ц1ечу к1адайнах а кечъйой.
Ц1ечу бехчалгех говрийн кхесаш кечъйинера шина к1анта. Ц1ен к1адеш тийсинера говрийн баккъаш т1е. Ц1ен кескаш хьерчийнера шаьшшинан куйнашна т1е.
Беса юьххехула шаьшшиъ д1авоьдуш вевзарг дуьхьалкхетахь а, аьлла, Хорача ч1ожахула охьа веара ши обарг. Цхьана а ден а кхаьршиммо лелочух бала ца кхочуш, Ведана г1опа чоьхьа велира и шиъ 1уьйранна ит сахьт долучу хенахь. Аннех йинчу лекхачу трибуни т1ехь лаьттара дерриге а районан коьрта 1едал. Царна хьалхахьа чекхбуьйлура т1емалой шайн ц1ен бехчалгашца кечъйинчу говрашкахь. Цхьана мог1аре д1ах1оьттира Давад а, Бозу а.
Шиша маузер тапчанаш, пхеазза йолу тоьпаш, герз лерина кечдинера шина обарга.
Цхьанне а дагахь дацара кху минотехь х1окху оццул даздинчу парадехь цхьанна т1ом боло дагадог1ур ду, ваьхьар ву, бохург. Амма Давадде, Бозуйе дийна виса веана вацара.
Трибунай уллот нислушшехьа, т1ом болайра шина обарга. Лаг ийзош, цаьршимма дахьийжон даьндаргаш ерриге а Рахьимма, Исакове волчу аг1ор яра.
Маьаьхьарий аьлла, д1асабевдира нах. Милцой хуьлучах духекхтъна бовлале шина обарга шаьшшинан патармаш дассийра. Чевнаш хилла, трибунай т1ехьа охьаэгнера Рахьим, Исаков, кхи а пхи – ялх лакхара хьаькам.
Дуьхьалдетташа герзаша Бозу а, цунна к1елхьара говр а йийра цу дийнахь. Рахьиман ха дойра, иза гуттаренна а астаг1а виссира. Исаковн б1аьрг баьккхира, пехах чекх даьндарг а яьллера. Цул сов, кхаа милцочун декъий а диссира цу майданахь.
Давадан, говр хаьхкина, юха а к1елхьара вала аьтто хилира. Цуьнан бакъволчу обарган санна ц1е яхара цу дийнахь доьнна.
Бозуйн дакъа, схьадеха нах бахарх, схьа ца делира. Иза, хетарехь, НКВД-н кертахь кира чохь дагийнера. Иштта декъашна бекхам бора дин доцучу нах боцучу неханне, оьзда боцучу муьжгийнне, жуьгтийн большевикин комиссарийнне вовшахкхеттачу  йилбазан ох1лано…

**

     Набарна юрт д1атийнначу хенахь кхечира Давад Хьусайнан х1усаман не1аре.
     Еттачу не1аран тата хезна, аравелира Хьусай:
     -   Мила ву цигахь?
      -  Со ву. Давад.
     -  Давад, хьо ву х1ара? Ма бакъ веара хьо. Схьавола. Чоьхьа вала, сихха.
      - Хьусай, х1у хьал ду Сибарех бахайтинчаьргахь? — т1евирзира Давад не1арал чоьхьа воллушехь.
       Хьусайна хаттарна жоп ца делира:
      - Схьавоьл цкъа кху чу. Охьалахлол, — олуш, зудче, б1аьца йина, чиркх сехьа чу баийтира. Доккха са а даьккхана, лен волавелира:
      - Дера, Давад,  хаза х1уманаш ма дац цигахь. Хьан стунда Шомса а, Асвадан х1усамнана а, к1ант а, Шомсин цхьаъ бен воцу к1ант а д1а ма кхелхина. Шайн ирс а ма ду церан, дийна болчара лелочуьнга хьаьжча.
         Корта охьа а та1ийна 1аш волчу Хьусайнан б1аьргех хиш девлира. Тийжаш, елха х1оьттира дехьа чохь Хьусайнан х1усамнана.
         - Кхана тезет х1оттор ду. Саг1ийна т1аьхьа х1ума а юьйр ю, - элйра Хьусайна мацца а... -  Хьуна кхераме ду тезетахь латта. Ас  д1адерзор ду дерриге а.
 
     К1ира гергга лаьттира тезет шинне а кертахь. 1едалха стаг цхьа а ца х1оьттира тезетахь лаьттачу Давадна т1ег1орта. Хаьара, вуьшта а дарбелла 1аш болу нах г1овттур буй. Т1аккха девнаца, т1емца бен доьрзур доций.
           - Цхьа шелахо ву боху Залкупли ц1е а йолуш, кулакаш бина бигна нах шена ахча делча ц1абалош лелаш. Масех стаг ву боху цо ц1абалийначарех Шелахойн орцах обаргаш бевлла лелаш а. Иза шайна т1аьхьаваийтахьара, аьлла, дехар дина соьга Асвада, — дийцира Хьу¬сайна Давиде цхьа к1ира даьллачу хенахь.
          - Муха карор ву  и Залкупли? Г1ур вуй иза?
          - Ваха декхара ду  шена алесам шай-кай лахь-м.
           - Со цкъа цу Шелахойн орцах лелаш бу бохучарех кхетар ву. Т1аккха хуур вайшинна дан дезарг.
    - Вахийтахь, б1аьсте ма яьлли  вахийта везар ву. Баттахь  гергга бан безаш хуьлу боху цигара юханехьа бен некъ. Дукхахьолахь г1аш, лечкъаш.


     Декабрь бут бара. К1ира делира Давад Шелахойн орцах Сибрехара бевдда баьхкина нах лоьхуш лела. Цхьана к1орархочо -м вас а йинера цун¬на, уьш бевдда, Органан тог1ешкахула, Шуьйтахула д1абахана а аьлла. Т1аккха царна т1е1оттавала хала хир дара.
    Давад хьуьнахула леллашехь, Хьусайна Залкупли схьалехна хиллера. Цунна хууш хиллера ша схьабалийна нах мичхьа лечкъаш бу а. Цхьана сарахь уьщ берраш а Хьусай а, Давад а, Залкупли а, цо Сибрехара схьабалийначарех кхо стаг а, вовшахкхийтира  Пешхойн ломан ч1ожахь, цхьана кулакех йиссанчу к1отарахь.
   —Х1ара  ас ц1абалийнарш 1едале юха т1ебуьтуьйтуш, царна дала а ахча деза, — дуьйцура Залкуплис. — Шун  нах цигара ц1абалош а ахча деза. Бехкбоцуш хьийзочу шун а дуьхьа, сайн Делан а дуьхьа, сайна маьлла ас хьоьгучу къина дуьхьа, суна кепек а ца оьшу. И ахча суна 1едалан нах эца оьшуш ду шуна. И ахча шайга дIакховдийначул т1аьхьа хIорш шайн Ленин а, Сталин а, Карл Маркс а схьавухкур волуш а бу шуна. Цундела сихха шай-кай езар ю.
         Ахча ша хилайтур ду, аьлла, т1елецира Хьусайна.
 
 
      **
    Халла, балаза 1аьнаха бевлира кулакаш бу аьла балайнарш.
     Сарахь, б1аьца йина, Асвад юьстаха ваьккхира Николай ц1е йолчу цхьана стрелока.
    -  Кавказе вухаваха лаьий хьуна? — хаьттира цо, улло а таь1на. Асвадна дерриге а дуьне хаьрцича санна   хетаделира. Сихха  дIасахьаьжира, кхо дуьйцург цхьанне а хаза-м ца хезна-техь, аьлла.  Асвадан юьхьанца 1алашо хилира х1уъа дина а, и салти сихха  вийна д1аваккха, цо шена тосаделларг   кхечаьрга д1адийцале.   
           Асвад воьхна хаавелла, Николай къежира:
         -  Кхера ма кхера. Ас г1о дийр ду шуна.
    - Г1о? Муха? — духе кхиа г1оьртира Асвад шена дика ца хуучу оьрсийн маттаца.
         - Шун махкара цхьа стаг ву станцехь. Залкупли ю цуьнан ц1е. Цу Залкуплина станцера цхьа стаг вевза. И стаг сан доттаг1а ву Ас аьтту бийр бу шун. Ас боххург дан дезар ду шун, нагах  кхузара довда лууш делахь. Вуышта, шаьш цхьаммо схьалецахь, сан ц1е йоккхур яц аш. Хьайн накъосташка а ас хьайн аьтту бар  ма дийца. Кхийтин хьо?
    Асвад ладуьйг1уш лаьттара, ши б1аьрг а къерзош. Цуьнан даг чу цхьа шийла шеко хьаьдира: «Схьалаьцна-кха кхара кхузара д1авахана Хьусай! Хьийзош ницкъ а бина, схьадийцийтина-кха цара цуьнга дерриге а! Х1ан-х1а, Хьусай лаьцна хир вац. Цуьнгахь кехат ма дара. И Залкупли боху къонаха лаьцна хир ву. Цуьнга дийцийтина хир ду 1едало дерриге а схьа. Ша хьалха ц1абигна шелахой а, х1инца дига дагалаьцна тхо а... Х1ан-х1а, даре дан ца деза ас кхунна. Х1ара со зуьйш ву. Ву дер. Ма дика ду со кхуьнах кхетта...
         -Ахь х1ун дуьйцу? Мила Залкупли? Суна-м ца вевза цхьа а Залкупли а! — дуьхьалвирзира Асвад.
         -А, — къежира стрелок. — Ца теша хьо соьх. Ма теша. Кхана буьйсанна ас тешор ву хьо. - Иза, юха а вирзина, д1авахара, Асвад лаьттачохь а витина, цуьнан синтем а байина.
Т1екхечира Асвада шеконца, кхоьруш ларйина, Николайс йиллина буьйса а. Кхайкхина, къайлах ара а ваьккхина, цхьана арахула д1авуьгура салтичо Асвад. Д1авоьдуш, и шиъ кхара йиначу кибарчигийн ехачу раьг1нашна т1ехьа велира.
  «Ванах, суна тешнабехк бан г1ерташ  хилча, ваьхьар варийтехь х1ара стрелок иштта майра соьца юьстахвийла? — ойла йора Асвада. — Там бара оцу кибарчигин т1ехьа левчкъана, го бина 1аш стрелокаш хила...»
    - Кхузахь собардел, — аьлла Асвад раьг1нашна уллохь а витина, цхьана 1ина йисте вахара Николай. Цигара вухавог1уш цуьнца цхьа къонаха вара.
         -  Оссолом 1алайкум! Хьан ц1е Асвад юй? — хаьттира 1ин чохь лечкъина хиллачу къонахчо, куьг а кховдош.
   -  Ва1алайкум салом! Ю, Асвад ю! — куьг схьалецира Асвада. Маракхета дог хилира, т1аккха а, шеко ерриге а д1аяшанза хиларна, вухаваьлла 1ийра.
           -  Хьусай бохучу къонахчун йишин к1ант вуй хьо? — хаьттира къонахчо.
          - Ву! Дера ву!
          - Сан ц1е Залкупли ю хьуна. Со шу шайн Дег1астане духадерзо веана-кха, Далий, эвлаяаший мохка лахь!
          - Залкупли... ткъа х1ара стрелок... кхунах х1ун тешам бу?
     - Кхул а, д1о станцехь волчул а тешаме ши стаг вац хьуна вайна цхьа а. Шаьшшинна кху дуьненчохь цкъа а ца хиллачул ахча кхаьчна хьуна цаьршинна. Цундела тешаме ву хьуна и шиъ, вайшиннан дел а.
     - Боккъала а бохий ахь, Залкупли? —хазахетта  хьаьвзира Асвад.
     - Дера боху. Х1ара 1едал-м мел дера а, ч1ог1а а делахь а, оцу х1ума дукхаезаро дохор долуш дай.
       Асвад Николайга хьаьжира, цу дешнех иза кхета-м да кхеттатехь бохуш санна. Важа-м 1ара, г1адвахана, къежна, бага а г1аттийна.
       - Сица долийла кхарна иза! — вела а къежна, элира Асвада Николайга, цунна там беш санна.
           Барт хилира т1ейог1учу буса новкъадовла.




     Сарахь ор улло цхьа зоьртала баьхьарча веара, боккхачу коьртах маска а йоьллина. Оьзда доцуш, маьттаза дара цуьнан къамел:
     - Ибрах1им! Ор чуьра аравала леай хьуна? – хаьттира цо, йийсархо маьрк1ажа ламаз дина валлац собар а дина, салам а ца луш.
     -Салам х1унда ца ло ахь, бусалба вац хьо? – хаьттира йийсархочо.
     - Саламаш – ж1оламаш т1аьхьа юьйцур ю вай. Кху чуьра аравала леай хьуна, хоьтту ас хьоьга! – т1ечевхира маска.
     - Леа, аьлча, д1авахайта воллий хьо?
     - Аш дукха ловзийра и коммунистин зама. Дика еира аш. Х1инца жима дакъа дан дезар ду. Ламазаш дарх вер вац хьо. Хьалххе дан дезаш хиллера, шаьш «Дела вац» бохуш лелачу хенахь. Герз ца тоьа вайн т1емалошна. Я вайн т1емалой тола ца леа хьуна? Г1азакхий хьакхарчий юха яхкарга сатуьйсу ахь?
     - Юха яьхкина уьш – м, уьш ялайнарш а шу ду. – жоп делира Ибрах1има. – Сан ахча ду моьттуш, шу лелахь, иза а бакъ дац, и цхьа1 ду. Шоллаг1а делахь, нахе ламазаш ма де бохуш цхьа а нохчо а вацара. Со ламазаш деш пхийттара ваьлчахьанна ву, партехь хиллехь а. Иштта зама яра иза. 
     - Ахча а карор ду, хьайна дийна виса лаахь! – кхерамаш тийса вуьлира маска юьхинарг. – Цундела, хьайна тхоьга ницкъ а ца бойтуш, кехат язде, цхьа ах миллион доллар кечде, але. Мича дан деза ас т1аьхьа эр ду.
     - Ма к1езиг доьху ахь. Айхьа деххал доьхуш цхьа пхи – ялх миллион х1унда ца доьху ахь,мацах веданхочо ма-аллара.
     - Веданхочо х1у аьлла? – хаа лира маска юьханчунна.
     - Мацах Казахстанехь, д1адохайначу шарахь цхьа веданхо хилла мацалла вала воллуш. Деле до1а деш хилла цо, цхьа къеззиг 1аьржа бепиг лахьара шена, бохуш. Цо деш долу до1а хезна лулахь волчунна. Цо цуьнга аьлла, ванах, накъост, и бепиг айхьа шортта долчуьнга доьхуш а хилча, дала таро йолчуьнга доьхуш а хилча, к1айниг дехахьа, дуккха а дехахьа вайна массарна а тоъал. Цуьнга терра и доллараш хьайна мел луу деха хьайн йиш хилча дуккха а дехахьа, вайшинна то1ал.
     - Накъост, со хьан туьйранашка ладийг1а ца веана, - т1ечевхира маска, - я забарш ян а ца веана. Хьайна кху ор чуьра аравала лаахь кехат яздийр ду ахь! Ца яздахь, оха мацалла вуьйр ву хьо! Таханчул т1аьхьа цхьа кусок бепиг хир яц хьуна, я къайниг а, я 1аьжаниг а! Понял?! – буьрса дерзийра зоьрталчу накъоста.

     Ор чохь воллу Ибрах1им меца ца вуьтура шина хехочо. Маскина аьшпаш буттура, юург ца ло шаьшшима, олай. Цхьана сарахь Солтабек ор улло кхайкхира Ибрах1има.
     - Солтабек, сан ц1ахь раг1ук1ел лаьтташ цхьа жигули машен ю. И машен лур юкха ас хьуна, ахь цхьа г1уллакхсуна дахь.
     - Ахь жигули ца елча а дарг ду аса-м ахь бахуриг, дан йиш йолуш далехь, - жоп делира ламарочо.
     - Дан йиш ю хьуна. Цхьа титрадда, ручкай дахьа сунна.
     - Дахьар ду. Кхи х1у йохьу хьуна? – к1адвеллера к1ант, шега «жигули» хьахайчи.
     - Г1азакхийн маттахь Къур1ан хуьлу олуш хезний хьуна?
     - Хазина.
     - И Къур1ан дахьа суна, миччара дай а.
     - Цхьа учитал ву тхан юьтахь, истории  хьоьхуш. Цуьнга хоттур ду ас.
     - Цуьнга а, кхечарга а хаттахьа, Солтабек, боккха мел а хир бу хьуна, хеъчи а цхьаммо а дов а дийр дац хьуна, цул сов, «жигули» а хир ю хьуна, дукха хихкина а йоцуш.
     - Ваша, бос муха бу ацу «жигулин»? – хаьттира хехочо.
     - К1ай бу-кх, к1ай, - жоп делира, самукъадаьлачу Ибрах1има, - к1айниг хаза хетий хьуна? Магнитофон а ма ю цу чохь.
     Хехо, кхи х1умма а ца хоттуш, д1авахара. Йийсархочунна хийтира, цо, эшначахь, шена накъосталла дийр долуш санна.
 


**

  1абдурахьманна дагадог1у Маймаком олучу метте д1акхаччалц шаьш буьйсанна сахиллалц д1аэхар а, цигахь, цхьана хоршахь 1аржъяллалц левчкъина а 1ийна, 1аржъелча цхьана бежнаш юккъе, ваго чу шаьш дохкар а.
  Кхаа бусий, шина дийнаххьий д1аихча, вагона чуьра охьа а лилхина, бодашлахь цхьана аренга д1абигира Залкуплис бевдда бог1урш.
 Асваддий Шайхмохьмаддий бен кхин ондаваьлла борша стаг вацара бевдда бог1учарна юкъахь. 1абдурахьман жима вара. Зударий: Асваданний, 1абдурахьмананний нана Заидаттий, ши йиша Маккий, Мединий; Шайхмохьмадан х1усамнаний, Шомсех йиссинарггий, цуьнан ши йо1—Поллий, Чиллий, кхиберш берриге а белла, д1абоьхкинера цу хийрачу, шийлачу аренгахь.
Кхечу ярташкара балийначу нохчийн белларш а цхьаьна, шовзткъа сов каш дисира цу ц1е йоцчу аренгахь, хьоькхучу моханий, дорцаний юьккъехь.
  Залкуплис дика кечам байтинера ша ц1абало кечбиначу нахе. «Шайга гул меллу юург а, йовха бедарш а гулъелаш! Беха некъ бу шуна вайн г1аш бан безаш. Баттахь гергга д1аэха дезаш ду шуна вай!» — баьхнера цо нахе. Амма юург к1езиг вовшах кхеттера.
 1ано луш долчу бепиган  цастарш, дуткъа хедош, ца дууш, кхуош, дакъа а деш д1адохкура зударша, мацалла х1отахь а, бохуш. Х1инца и дакъаделла цастарш дара коьртачу декъена новкъадаьхнарш. Г1еххьа картолаш а, хохаш а,  ж1анкаш а,  дара. Делахь а, и юург тоьар йоций а, цунах тешна шаьш нах бехачу станцешний, ярташний гена довлахь, мацалла лийр дуй а хаьара Залкуплииа. Иштта цо Асваде а, Шайхмохьмаде а д1а а элира. Цундела церан барт хилира аьчканекъана гена ца довлуш, дийнахь левчкъина а 1аш, буьйсан¬на некъ бан.
Хьалхарчу буьйсанна д1аоьхуш цхьана кондаргашна юкъе кхечира бевдда бог1урш. Ч1ог1а хала дара царна цу кондаргашний, к1охцалгашний юьккъехула д1аэха. Мачаш ледара йолчийн когах 1итталора къохцалгащ, дуткъачу айрех чекх а дуьйлущ. Хечийн когаш, кучамийн яххаш эт1айора. Настарш цоьстуш, ц1еш туьйсуьйтура.
 «Къайлазо меттиг караяхь совцур дара вай», — олура Залкуп¬лис, амма кху шерачу арахь кондаргашше, к1охцалгашше доцург кхин дуьхьало ян х1умма а дацара. Милла а т1е1отталахь, я т1аьхьабовла дагадаг1ахь, а гучубовларан сахьт дацара.
1абдурахьманан нанап1елган м1арана уллохула чудаханера к1охцалг. Шена хуьлу ницкъ ца буьйцуш, хала дIагIертара иза, астаг1а а лелхаш.
Сахила герга г1ертара. Жим-жима серло яьржаш лаьттара дуьненчу. Х1инца са гора к1охцалг доц-доцчу ког билла. Делахь а, Залкуплис хьехарехь, серлонгахь д1аэхар кхераме дара. Юьстах жимма лекхо коьллаш хааелла, царна юккъехь совца барт бира наха, буьйса йоллалц.
ДогIмаш кIадделлехь а, цхьа тамашена парг1ато хааелира нахана кху акхачу аренгахь  хьалаайлуш лаьттачу эсалчу б1аьстенан малха к1ел.
— Эх Маржа дуьне я1! Цхьа де бен ца   даккхахь а, ма хаза дукха и де т1еерзийна стирлокийн тоьпаш а йоцуш   даккхар! — элира Шайхмохьмада, истанга т1е хиъна, шен когара к1охцалгаша  цистина ши кало д1аяьккхина, ламазна а кечлуш.
— Веза Дела, кхин керстанан кара ца доьлхуш, д1а мукъа кхочур дац тхьа вай? — елхар иккхира, кху т1аьхьарчу 1аьнан шина баттахь къаьсттина вочаяьлла, худаеллачу Заидата.
— Кхочур ду. Д1акхочур ду, Дала мокъалахь. Шайгахь долчо: хи лерина кхоаделаш. Хино ницкъ бийр бу   шуна   вайна массо а х1уманочул а, — дийхира Залкуплис, — шайн ницкъ маббу д1аса ца лелаш, табий, ховше 1елаш. Онда къамелаш а ма делаш, маьхьарий а ма детталащ. Гучудевллачул т1аьхьа, вай массо а вуьйр   ву шуна, жима а, воккха а ца къастош!
Тийна дара дуьненчохь. Цхьа а меттах ца хьовш, истангашший,  тишделла юрг1анашший, стрелокашкара эцна этт1а, басадевлла чоэшший к1ел а дехкина, деха де чекхдаларе хьуьйсуш, тебна 1ара, махкаха баьхна, бохийна хьийзораш.
Стиглахь цхьа цадевза олхазар хьийзара. Ж1оламашна юккъехь а хезара наггахь «ч1ай, ч1ай» — олий, ч1ег1агийн г1овг1а.    
     Тийна дара.
Шайхмохьмада ойла йора:  «Стигалхула т1емадевлла лелачу олхазаршна шорто елла Дала. Лаьтта тIехула,   лаьтта   бухахула лелачу акхарошна, текхаргашна, дехкашна, чхьаьвригшна - массо а х1уманна а парг1ато елла. Хи чуьрчу ч1ерашна а елла парг1ато. Ткъа тхо, адамаш, мича балина, мича 1азапна хьийзош ду-техьа махкаха а, къомаха а даьхна? Х1ун къинош летийна   хилла-техь оха, х1ай веза дела? Хьенан х1ун къийдеш хиллера-техь оха, кондаргех ирзош а цIандеш, докъар даккхарх? Мила гаттехь латтош хиллера оха акхачу ломахь, Теркайистерчу аренашкахь жа дажош леларх? Къахьега луучунна шортта ма бара и лам а,   Теркаца дIа  йолу и аренаш а. Мичара дер ду техьа кху Iедална жижиг а, даьтта а, цхьана дас доггаха деза а дезаш, 1алаш а деш, даьхний а, устаг1ий а лелош ца хилча?
 Я т1аьхьара зама ю техьа х1ара, веза Дела? Дуьне доха герга даханатехь? Аьлла ма ду дешначу наха, дуьне духучу хенахь харцлюй шверг воьлуш хир ву,  бакълуьйш верг воьлхуш хир ву.  Х1уде ткъа, дерриге а хьан карахь дукха, х1ай веза Дела! Хьайна луъург делахь тхоьх а, кху доллучу дуьненах а. Хьуна дика хуур ду. Ахь кхоьллина ма ду тхо дерраш а, х1унда кхоьллинехь а. Оха – м сатухур ду, тхаьш дийна мел ду.  Тхоьл хьалха д1акхелханчара а диттина, оха а дуьтар ду. Тхоьл т1аьхьа хинболчеран а дита дезар ду. Собаре ма ду тхо, лаьмнаш сана.  Собаре хила ма 1амайна тхо тхешан лаьмнаша…»

 Сухареш бен юуш х1ума яцара бевдда боьлхучара. Картолаш ятта а ц1е ма латае, аьллера Залкуплис. К1ур геннара гур бара. Хица бала хьоьгура. Дахлора деха б1аьстенан де.
 Бода ма х1оьттинехь, Залкуплина т1аьхьа д1аг1оьртара бевдда боьлхарш.
  Диъ-пхи де-буъйса даьллера бевдда боьлхурш дIаоьху. Шайна хуьлу цатемш а вовшех лечкъош, ерриге а дог-ойла, сатийсам д1агIоьртинера Даймахке.
  Дийнахь шаьш левчкъина мел 1ан анайисте д1а бIаьрг беттара 1абдурахьмана: ца го техьа цхьа а лам? Ца къаьста-техьа лаьмниин сурт мел г1ийла, мел генахь?
       Юург д1ахаьдда йолуш йоллура. Залкуплис   дуьйцура,   кестта цхьана нах бехачу меттигна улло кхачахь-м юург карон декхара ду, бохуш.
   Массарел а гIийла яра Полла. Х1етте а, цкъа а ша к1адъелла, ян хала ду шена, олий ца хоуьйтура цхьангге а. Дерриге а цуьнан са, ойла, дег1 Даймахке дIагIоьрттинчохь диссинера. Иза хьекъалца а г1еххьа тиларшка йоьдуш тосаделлера цхьаьна болчарна. Дийнахь левчкъина 1ачохь, цхьана меттехь са ца тохалора Поллига. Д1аяха гIертара. Човхийна, я дехарш дина ша сацийча, елха хуура. Ч1ог1а г1айг1а яра цуьнан  цхьаболчеран.
ГIамаран аре яра бевдда   бог1учара   хIинца   хадон юьхьара ерзийнарг. Буьйсанна шийла мох болура. Дийнахь, левчкъина 1ачохь, малхо жимма дог1маш дохдора.  Мацаллочул а хьогалло хьовзийнера х1инца некъахой.
 Цу дийнахь, са ма тоссура, к1адбелла нах цхьана хорша д1а а ловчкъийтина, хи лаха вахара Залкупли. Иза суьйранна садовш бен вуха ца кхечира. Цхьана к1удала чохь а, чайника чохь а хи дара цуьнгахь. Амма бухахь берш боьхна хьийзаш карийра: Полла яйнера, мича яхана а ца хууш. Iуьйранна дуьйна цуьнан  лорах вахана Асвад а юхаваза вара.
  — Буьйсанна вайна церан ларш къаьстар яц. Сахиллалц кхузахь совца дезар ду. Со суо г1ур ву и шиъ дахана аьлла хетачу новкъа. Со тилалур вац. Суна седарчашца хьесап дан хаьа. Некъ беш ца хилча, шеллур ду шу. Вайгахь мел йолу йовха х1ума шайна т1е а хьарчаей, вовшашна т1етт1а а та1ий, 1е, — аьлла, хьехамаш а бина, д1ахьаьдира Залкупли.
  Зударша белхар долийра.
 — Ма елхахьа, нана, — улло   вахара    1абдурахьман   нанна,  - вай х1инцца д1акхочур ма ду. ЦIахь шорта яах1ума а хир ма ю вайна.
        Зайдат иоьлхучуьра д1атийра.
    — Со-м яц йоьлхуш. Дера яц. Дера хир ю,  кIайн ахьаран сискал а, т1оберам а, нехча а, массо х1ума а-м!  Кестта, кестта д1акхочур дай вай-м. Дала мокъалахь. — Куьг лаьцна,     шена     улло,     истангана     т1е     охьахаийра  Зайидата  к1ант.
  Цу буса хIинцалцчул а шийла мох белира. Чекхбуьйлура и мох мацделлачу, г1елделлачу дог1машна.
        Делкъал т1аьхьа, де суьйранга лестинчу   хенахь бIьрг кхеттера Асвадан аренгахула д1ахьаьдда йоьдучу несах.
         -  Полла! Во-о Полла!! Ахь х1ун до, юхаерза!!! — т1аьхьабетта мохь хезча, Полла хьалхачул а чехка д1ахьаьддера. Хала кхиира Асвад цунна тIаьхьа. Полла кхетамчохь яцара. Иза шен г1ора мадду д1акъехкара Асвадах. Дуьхьал летара. Кхоьруш, мохь хьоькхура, багах чопаш а 1енаш.
— Полла, Полла, ахь х1ун до? Делах  тешна, Делах тешна! «Ошшадала- илах1а иллалах1 ва ошшаду анна Мохьмадан расурулла»!— шена хуучу кепара ошшадаш а доьшуш, Полла сецайора марвашас. Къуьйлуш мара юхкура, цунах кхетта кхераялар д1адаккха г1ерташ:
— Полла, ахь  хIун до? Хьуна х1ун хилла? Со-м Асвад вай. Вай цхьана гIур ма ду д1а. Вай дерраш а цхьане  г1ур ма ду. Вай кестта д1акхочур ма ду. ЛадоIал ахь ас хьайга бохучуьнга. Полла, Пол¬ла... Делах тешна, Делах тешна... Алал суна т1аьххье «Делах тешна».
Жинаша кхерийна стаг тевеш гинера Асвадна цкъа мацах, ша жима волуш. Х1инца изза дан гIертара иза Поллина.
    —Ма кхера. Хьо стенах кхоьру, Iовдал? Со ма ву хьуна уллохь. Алал ас санна: «Ошшадулаи  илахIа иллалах...»
   Полла т1аьххьара а, гарехь, кIадъелира. Иза юха а елха йолаелира. Схьаяьккхина, шена т1ера китель хьарчийра Асвада Поллин готтачу, хьацаро т1адийначу белшашна тIе.
  — Схьайола х1инца, Полла  юхадоьду вайшиъ  - дIаийзайора Асвада шен нус, пхьарс а лаьцна. Полла, кхоьруш, юхагIертара.
  Боданой, баьллачу мохой д1аяйира цаьршинан ларш. Асвад воьхна висира, билггала юханехьа муха ваха веза ца хууш. Шийлачу мохо дегадойтора меца, хьогах дег1. Кхойкхуш, мохь бетта вуьйлира Асвад. Дуьхьала х1умма а ца хезара.
   Шийла мох-м, дорцах тарбелла, хан мел ели алсам хьоькхура. Цу мохо йовдийна ялийначу  мархаша седарчийн стигал д1акъевлира. Дог1анан т1адамаш кхийса долийра.
   Карара йолий, д1аяда тохалора Полла. Асвада, доггах т1ехьодий, схьалоцура. Мохь беттарх орцах вала да воцуш, хьуьнар а кхачийна, х1оьттанера марваша.
         -  Полла! Метта йолахьа! Метта йолахьа, х1ай, ахь х1ун леладо?! — белшаш а лоций, д1асалестайора, бетах т1ара деттара Ас¬вада зудчунна.
         - Ахь вийна Давад! Хьо ву Давад вийнарг! Хьо со а ен волу! Д1ахеца со, д1а-яхийта со! — мохь бетташ, йоьлхура, кхоччуш галъяьлла Полла.
     - Полла, метта йолахьа, со-м Асвад вай! Асвад вай со-м, Давадан ваша, ца го хьуна? Давад вала а ма ца велла, ц1ахь ма ву вайга хьоьжуш 1аш. Ма леладехьа галдаьлларг! Ма хилийтахьа вайшиъ х1аллак! — дехарш деш, сецайора цо кхетамха яьлла нус.
          Т1адамех дог1а хилира. Чехка кхоьхьура дог1анан   серий марсабуьйдучу мохо. Бодашлахь цхьа а х1ума ца къаьстара. Хетарехь, х1инца карара яьлча, Асваде Полла лаца а лур яцара. Карор яцара.
      Марахь Полла сеца а ца елла, шозза-кхузза го боккхуш, цуь¬нан охкаелла еха месаш буйна хьарчийра марвашас. Иза шена улло дог1ано хатт эккхнйтинчу лаьтта охьа а хаош, голаш т1е охьалахвелира.
       «ХIай веза Дела, хIай воккха Дела, ма доккха х1ума дукха  Йилбазо тхоьга   хIоттийнарг! — ша пхийттара ваьлчахьана дуьххьара велхаран узам иккхира Асваде. — Х1инццалц-м божарий шаьш Сибарех а хьийсош, хьийзадойтура ахь тхо кху керстане, х1инца доьзалш, бераш, бехк боцу миска пекъарш бу-кха  цу Йилбазо х1аллакбойтурш. Х1ун къинош хилла-техьа оха оццул ч1ог1а летийнарш, х1уъа дича а, мел бекхамаш бича а, хьо тхох ца 1ебаш? Дайина сихха д1а мукъа стенна ца доху ахь тхо, х1ара баланаш а ца 1уьйшуьйтуш? Х1ай, веза Дела, хезий хьуна?  Х1унда хьийзадойту ахь тхо цу Йилбазе?»
      Жоп дацара. Тийналла яра, цхьаний х1уманан бала а боцуш, дог1анан сераша т1адош, мустъеш лаьтташ.
      «ОстопирлахI, остопирлахI, остопирлахI — дохковаьлла хьаьзира Асвад ша дийцинчунна. — Остойипирлах1, къинтIера ваьллахь, х1ай веза Дела! Тхо реза ду хьуна ахъ мел динчунна а, дечунна а. Реза ду хьуна тхо хьан муьлххачу а кхелана! Хьан муьлхха а кхел а   къобал йина, т1еоьцур ю-кха оха, х1ай веза Дела! Зударех, берех къинхетам бехьа, х1ай веза Дела!»
     Буйнара месаш д1а ца хоьцуш, Полла шена хьалха а хаийна, шен некхаца цуьнан оза, худабелла букъ а бохбеш, цхьаннахьа а кхин дог1анна кIелхьара вала меттиг боцуш, цу акхачу арахь сахуьлурга хьожуш, саца ойла хилира Асвадан.
           Шоллаг1чу дийнахь делкъал т1аьхьа  т1е1оттавелира Залкупли цаьршинна. Иза ша а вара веррйге а догIано  т1адийна, х1оьттина, юьхьа тIехь адаман бос а боцуш. Некъ бечура сецча, шеллур вуй хууш, сахиллалц  г1аш леллера иза цхьана меттехь гонаш дохуш.
           ДогIано селханалера ларш кхоччуш даяйинера. Малх схьакхетта малхбале билгал а йина, цу аг1ор д1аг1оьртира Залкуплий, Асваддий, шинне а аг1ор Поллин куьйгаш а лаьцна.
            Бода болале  схьакарийра царна шайн накъостий.
       Кхин а шина буса дIаихча, т1екхечира бевдда богIурш цхьана станцина. Залкуплис дина хиллачу хьесапца уьш кху станцина улло кхо де хьалха кхача декхар долуш бара. Некъахьовзамаша хьебинера. Кхузахь, кхеран ирсана, жимма кхаллар а, картолаш а, дакъийна ч1ерий а эцар нисделира. Шайгахь мел йолу пхьег1а а юьзира 3алкуплис хих, юха-юха вог1уш, левчкъина бог1урш цхьа¬на кондаргашна юккъехь д1а а ловчкъийтина.
     Поллех къахеташ, холчах1оьттина хьийзара Чилла. Йоьлхуш вовшеххьерчара ши йиша. Чилла уллохь хилча, жимма кхетамчу йог1уш  санна хуьлура Полла.
     Цу сарахь кхаьллинчу х1умано догIмашка г1еххьа ницкъ баийтира. Х1инца шайн дерриге а аьттонца дIанисдала герга г1оьртича санна хетаделлера бевдда бог1учарна. Сагатдора дагар хьаладаьлла, цамгаро хьовзийначу Поллас.
    Цу буса церан новкъабовлар ца хилира. Поллийгахь вон хьал дара.
     Серлаелира тийна, шийла 1уьйре. Сатоссуш тIеана хорша д1а ца йолуш, харцлуъйш яра Полла. Чоэш, истангаш хьерчош, иза тея г1ерташ йоллура Чилла.
     Мацца а, малх хьалаайбелла, цуьнан з1аьнарийн йовхо хааяла йоьлча, жимма меттаеара Полла. Кхин а сахьт гергга хан яьлча, иза ц1еххьашха кхетаме еара.
   - Чилла, со леш ю-кха х1инца, — меллаша, инзаре боккхачу балеха кIелхьара а яьлла, реза хиларца кху дуьненах д1акъаьсташ санна элира Поллас. Цу шинна уллохь цхьа а вацара.
      - Полла, хьуна х1инца гIолий хуьлуш ма ю! Хьо х1инца толур ма ю! — йоккхаеш, хьаьвзира Чилла.
          -    Х1ан-х1а, Чилла, со суо реза а йолуш, леш ма ю. Со - м еллера. Деле деха а дехна, новкъара юхайирзи-кх хьуна цхьа х1ума т1едилла.
         - Х1ун х1ума? — цецъяьлла хаьттира жимаха йолчу йишас.
          - Давад ву со ц1аяре сатуьйсуш, сагатдеш 1аш. Со бахьанехь дакъаза ваьлла а ма ву иза. Со цунна кхин гур яц. Сан юхь а яц цунна дуьхьала х1отта. Хьо цIена ю. Соьл а хаза ю. Могуш ю. Ахь схьалаха везар ву Давад. Схьа а лехна, 1алашвийр ву ахь иза. Аса санна. Сан метта. Цунна лиънарг дийр ду ахь. Эшахь, йишна хир ю хьо цунна. Эшахь, — со санна х1усамнана. Хьох тешаво ас Давад.
     Чилла юха а кхуьйлйра, Полла харцлуьйш ю, аьлла. Вуьшта, цуьнан къамел, цуьнан хих буьзна г1ийла, г1айг1ане ши бIаьрг харцлуьйчух а, тиларшка баханчух а тера-м бацара.
        - Чилла, Давад ша цхьаъ ма ву. Суна ма хаьа иза сайга мел сатуьйсуш лела. Мел хьаьгна иза со ц1акхачаре. Цо ваийтина ма ву Залкупли а вай д1адига. Шу д1акхочур ду. Со тховса лийр ю. Иза соьга сатуьйсуш хир ву... Ткъа хьо — сох тера а ю. Соьл а хаза ю, жима а ю, могуш ю. Ахь айбир бу цунна бала. Хьоьга иза 1ехалур ву.  Дош ло суна, айхьа сан весет кхочушдийр ду, алий. 
          - Ахь боххург дийр ду-кха ас, Полла! Ялар ма хьехадехьа, ма ч1ог1а т1еийзадо-кха ахь иза! Цулла а, ас   1аждаран   чай  дохдо  хьуна. Жимма хIума кхалла хьажахьа, т1е чай а молуш!
          -  Х1ан - х1а, Чилла, ма да суна чай а, х1умма а. Ца оьшу. Кхуззахь, эрна арахь д1айолла со.
     Луьйчуьра сецна, жимма ойланаш еш сецера Полла. Цунна дуьхьал теснера лома хьалаволлучохь, кхеттачу батта к1ел шаьшшимо Давадца дуьххьара яьккхина буьйса. Мел тийна, тамашина, ирсен буьйса яра иза. Цхьа буьйса — доллучу а дахаран маьIне!  ТIаккха, цул т1аьхьа, ломахь яьккхина аьхке. Ломахь х1оттийна ловзар. Ломахь, 1аламан бен теш  доцуш къайлаха мийлина мерза безам.
          - Чилла, вайн эвлара лома хьалабоьду некъ, цхьа ворданаш совцуш шера меттиг дагайог1ий хьуна?
              - Йог1у.
          - Цхьа шера гу бу-кха цигахь, дитташа хъулбина а боцуш.
          - Бу.
          - Оцу гу тIехь чурт х1оттаделаш суна ахь а, Давада а!
           Делкъал тIаьхьа леш йоллучу Поллийна т1ехь Шайхмохьмада еса дийшира.
       Цо ма деххара, кхуззехь, аренгахь дIайоьллира иза. Баларш мел алсам Iиттаделлехь а, уьш д1абохка кху т1аьхьарчу хенахь мел 1еминехь а, Поллийн кхалхар 1аьткъинера нехан дегнашна. Къаьсттина холчах1оьттинера Чилла. НакIостий кхерабеллера иза а бохамо йожорах. Тея г1ертара массо а.
            ТIееанчу буса уьш юха а новкъабевлира.

        Ломахь, к1отаршкахь  цхьацца гергарнаш болчохь йоккхура хан бевдда, лечкъина баьхкинчара.      
    1едало бохийна, юха ц1абирзинчу нехан тоба г1еххьа стамъеллера. Хъалха санна ши-кхо стаг лома ван ца ваьхьара НКВД-ан белхахо. Т1аьхьа дийнна салтийн арданг а хоттайой, бог1ура.
    «Божарий шаьш кара ца баг1ахь, зударий а, бераш а лаьцна дIадуьгур ду, уьш шаьш т1ебахккалц» — кхерамаш туьйсура 1едалан наха. Мацах обарг Зеламханна т1ехь паччахьан Iедало лелийнарг дара х1инца кху «халкъан» 1едало мискачу ламарошна техь лелон гIертарг. Цундела сингаттаме, саийдойтуш оьхура денош бевдда баьхкинчарна а, уьш т1еэцначу гергарчарна а.
        Тешабехкаца го лацарна кхоьруш, шаьшшинан ден кIотарахь 1ен ца ваьхьара Асваддий, Даваддий. Наггахь бен ца йог1ура и шиъ вовшахкхетта хан а. Бохамаша дарвина саакхадаьлла хьийзара Давад. Шен х1инццалц Рахьим вен аьтту ца нисбаларна а бехкалахь хетара цунна ша.
   Цкъа бен ца гинера Чиллина Давад ц1а еъчахьанна. Гурахь, тезетахь, шен нана еллачу веача бен. Ша цхьаъ яра х1инца Чил¬ла. Казахстанехь д1авоьллина Шомса, цхьаъ бен воцу ваша. Новкъахь д1айоьллина Полла. Ц1а ма кхаьччинехь, дукха хан ялале елла, д1айоьллина нана. Ша цхьаъ. Бобер санна гергарчу нахехула йолаелла лелаш. Цкъа цхьаьнгахь буьйса йоккхуш, т1аккха вукхаьргахь.
   Цкъа а дагара ца долура йо1ана шега шен йишас дина весет. Хетара, ша Давадна т1екхочуш, цуьнан даге хьожуш ца хилча,  Поллин бехкалара ца йолуш санна.
   Аьхке еара лома. Еара, гуттара а санна йовха, къегина, баьццара, олхазарийн шакаршца. Амма цхьанне а ца хаьара цо х1ун дохьу, х1ун хьоьху, х1ун керла сингаттамаш, бохамаш бисина кхин а кху бохийна, баржийна хьийзочу нахана т1е кхачо.
  Цу дийнахь геннара некъ бахьаш еана, 1абдурахьман схьалехира Чиллас. Елаелла, мара кхетта, шекаран б1елиг кховдийра ца к1анте. 1абдурахьмана шекар схьа ца ийцира. Дегабаам бира: «Стенна кхийдадо шекарш, зудаберашка санна?!»
— Iабдурахьман, Маккий, Мединий лома хьала ца еана? — хаьттира Чиллас.
— Ца еана, — доцца жоп делира к1анта. И шиъ охьахь, шен ц1еранаш болчахь дIалачкъийна йитинера Заидата, зудбераш экаме ду, гуттара а уьдуш лелла девр бац уьш, аьлла. Чиллин-м яцара иштта тIеяхана, саца дегайовхо йолуш меттиг а. И цхьана йисинера, аренгахь даьлла тал санна, массо а аг1ор хьоькхучу мохо а шелъеш.
      — Iабдурахьман, хьуна Давад мичхьа ву хаьнй? — эсала догура йоьIан хаза бIаьргаш. Ела мел къежа, к1аьгнаш х1уьттура цуь¬ нанозачу, цIеначу беснеш тIехь.
           — Ца хаьа.
            - Кху к1отара ван а вог1ий иза?
            -Вог1у…  наггахь. Аьлча а, ца вог1у... .
           —Муха... «ца вог1у?»
           - Иза вог1у ма ала аьлла Асвада.   
           Чилла елаелира:
           -Соьга иштта ала ма ца аьлла цо. ЦIахь вуй Асвад?
            - Ву... вац... цомгуш ву иза.
             - Цомгуш? Х1ун  хила цунна?
          - Кху б1аьстано а ву иза-м цомгуш. Йовхарш етташ. Ша ц1ахь вуй цхьангге а ма хаийта-м аьлла цо.
     Чиллина дагадеара:  Полла кхетамха яьлла едда яханчохь, шийлачу арахь догIанна к1ел буьйса а яьккхина веанчу шоллаг1чу дийнахь дуьйна йолийра-кха Асвада и йовхарш. Х1етахь дуьйнна, цомгуш хилла-кха иза.
        —Мичхьа ву иза, 1абдурахьман? Валохьа, гайтахьа су¬на иза.
         Чиллий, Iабдурахьманний цхьана боданечу, готтачу тоьлий чу дахара.

             Мажвелла, худавелла д1аволуш воллура Асвад. Чилла еана ч1ог1а хазахетта хьийзара иза а, цуьнан   нана   Заидат а.
         1абдурахьман  арахь сецнера. Гарехь, иза кест-кеста   лаьттара арахь, лома бог1у хьеший тергалбеш.
           Дукха хан ца елира Чилла   тоьлий чу   яхана.    1абдурахьман, мохь а аьлла, чу эккхира:
            — Милцой а, салтий а бу-кха, ваша, вайн к1отара бог1уш!!!
           Хьалаиккхина, тоьпах ка а тоьхна, вада дагахь д1асахьаьвзира Асвад. Чиллех эхь хетта,   вухаваьлла,   маьнганна   тIе   охьалахвелира:
            —Бахкийтахьа ткъа. Х1ун де ткъа? Х1ун де ткъа…
        Кхоччуш йоьхна, карара ахьар чуьра ангалий кад охьа а боьжна лаьттара Заидат. Хуьлуш лаьттачун духе кхиъна уьш бовлале, чулилхира энкеведан белхахой:
            - Цхьаъ меттаха валахь, лаг узур ду шуна! Герз юьстах диллал! Мила ву Асвад? Хьо вуй иза? -  т1екхетта, цуьнан топ схьаийицира милцочо.
            - Ву. Иза ву. Суна вевза, — т1е п1елг хьажийра милцошца цхьана волчу юьртарчу комсомольца.
            - Хьалаг1аттал! Кога юхал мачаш! Дика ду тхуна хьо ц1ахь карийна. Далла хастам белахь. Хьо ц1ахь ца карийнехь, х1ара берриге а хьан доьзалш а бара хьуна оха д1а а бигна, чубухкур болуш!
      Асвад, маьнганна т1ера хьалаайвелла, йовхарш а етташ, воьхна лаьттара. Хебара шийлачу поппаран ц1енкъий т1е бехкина цуь¬нан оза 1ора когаш.
             - Ва устаз, элча, пайхамарш, орцах довлийша! Ца го шуна, цомгуш ма ву иза?! Лийр ма ву иза аш х1инца дIавигча?!! — мохь белира Асвадан нене. Иза милцошна хьалха горъюьйжира.
              - Йитал х1инца х1ара г1овгIанашший, белхаршший. Тоийтал! К1ордийна суна и шун зударийн уг1арш. Вала сихха. Т1е х1уманаш а юхий, аравалал! — т1ечийхара милцойн коьртаниг.
         - Нана, тоийтал. Ма елхал. Хьо елхарх, х1умма а нислур дац.
Ма кхардабе х1орш вайх. Дала диннаг хир ду. Рицкъа хилахь,  вухавоьрзур ву. Ца хилахь — Дала дайттинарг хир ду, — нана тея гIертара Асвад.    Шен    куьйгаш-м, моха еана,   дегадора,   нодарIий халла бен д1а ца тийсалуш. .
             - Цомгуш меттахь воллуш ца го шуна иза? Валур ма вац иза шуьца д1а! Адамаш дац шу? Делах ца кхоьру шу? — доггах елха х1оьттира Чилла, шена хуучу кепара дехаш а деш».
             - Хьо мила ю? Чилла боху барышня-м яц хьо, кулакан йо1?  Хьо а юьгур ю оха-м! — къежара Чилица школехь дешна хилла юьртара комсомолец.
             - Зударйй буьтур вай цкъачунна х1ара коьртаниг каравеъча. Х1орш-м х1окххузахь хир бара, вай юхадаьхдича а. Цхьана а мета г1ур бац! — эккхийтира милцочо,
             Йоьлхуш, кхетамха  яьлча санна  т1ееттало нана тоьпан бух 1уьттуш дIа  а тоьттуш, араваькхира баьхкинчара Асвад. НеIарехь, ша ара ма воллура  къегинчу малхо а, ц1еначу хIавао а дег1е цхьа г1ело яайтина, когаш малбелира Асвадан.  Ницкъ ца тоьара дег1а т1е хьала а нйсвелла, майрра ког баккха.   .
          — Волало, волало! — муьшканаш йора т1ехьарчо.
     Цхьа ккезиг ойла еш а сецна, милцоче юха а вирзина, доггах, шенар ма хуъу  милцоче дехар дира Асвада:
      — Хезий хьуна. Дехьа суна вошалла. Хьайн Делан, элчанан  дуьхьа, хьуо винчу ненан, ден дуьхьа, вай массо а г1ур долчу эхартан дуьхьа доьху ас хьоьга, кхуззахь тоьпаш а тохий, вейтахьа со. Я айхьа вехьа со, веддачохь вийра, алий. Со вада г1оьрту хьуна. Ас хьайн ненан шуьрел а хьанал до-кх хьуна сайн ц1ий! Вехьа со кхузахь! Ма вигахьа со кхузара д1а. Ма хьегийтахьа соьга и баланаш, сан уьш лан х1инца де а дацара. Ма вайахьа со эрна арахь  каш доцущ, доь доцуш, Дехьа суна и вошалла!
        — Д1авалол, д1авалол, йитал и зударийн хабарш. Со  хьо д1авалаве аьлла ваийтина ву, хьо ве аьлла ваийтина вац. Д1авало, дIакхаьчча, цигахь дуьйцур вай!
        Йоьлхуш, маьхьаца т1аьхьаяьллачу нанна ца хезира Ас¬вадан и дехар. Хезнехьара, цу дешнаша кхоччуш дожор дара цуьнан дог. И дешваш хезира уллохь нисъеллачу Чиллина. Цо орцаш дохура, нахе кхуьйкхуш, вошалла доьхуш. ТIеведдачу шина мил¬цочо месаш а лаьцна, юхатакхийра Чилла. Цхьаммо ластийна, бе¬тах т1ара туьйхира:
             -  Д1асацае хьайн бат, Йилбаз, стенна орцащ доху ахь? Хьуо а д1айигийта г1ерта хьо?
             - Дера ю вай юьгур-м. Зовкх дара и санна нисъелла, къона х1ума ваьшца д1айигар-м! Схьалацал иза. Д1аехкий, говра т1е йиллал!— я забарна, я боккъала а элира коьртачо. Чилла, хьалаиккхина, мохь а аьлла, шен ког ма боллу басахула чу едира. Буьйлуш,  т1ахьауьдура энкеведера хьеший.
              Асвад дIавигира.
         ГIелъелла, охьайоьжна шен нана хьалаайя г1ертара кхеравелла, воьхна 1абдурахьман.
        Меттара а гIаттийна, цомгуш воллушехь Шайхмохьмад а вигна дIа, аьлла хабар кхечира лома.



* * *
Асваддий, Шайхмохьмаддий, кхибершший кIелхьара баха да¬гахь райцентрерачу набахтина т1елата вахана хиллера Давад  шеца пхи-ялх накъост а эцна, амма бухабовла дезнера, шина накъостана чевнаш а еш, цхьаннан говр а юьйш. Чов хилларг Давад ву бохуш а дуьйцура цхьаболчара.
Чиллас ч1аг1о йира х1инца мукъа шен йишин весет кхочушда. Тешаме накъост хилла, Давадана улло д1ах1отта.
Цу кхехкачу аьхкенан дийнахь, шеца 1абдурахьман а ваьккхина, новкъаелира иза, Давадна т1е ца кхочуш, юха ца ерза дагахь.
Х1оккху хенахь, аьхкенан юьккьехь бен кхоччуш сен ца ло лаьмнашкахь. Х1оккху хенахь бен ца дузу ламанан ч1ажаш, боьранаш отйокхийн, къоркхокхийн декарша. Угаре а 1алам малхана дуьхьал айлу хан.  ДогIанаш лаг1 а делла, доллучу а дуьненчу  йовхо яьржина, аьхкенан чилла х1утту хан. Къоначийн синхааме, экаме дегнаш Iевттина, айлу хан. 1аламан ц1анонца цхьане массо а х1уманна т1ехь а ц1ано, хазалла,  айлу хан.
Чиллийна ша эха си т1ехь стаг  хетара. Ах са — хьаьшна, дагийна, аьтта дIадаьккхина мел 1иттабеллачу бохамаша. Ах – сатисинарг, дег1 лелош дерг, коьрте ойланаш йойтуш дерг. Хетара, иштта эха си т1ехь стаг Давад а волуш санна. Шаьшшиъ вовшех кхетта, вовшашна уллохь хилча, шиннен а синош дуьзна, цхьа доккха са, денделла, меттах1уттур долуш санна.
Ойлано т1е ца лоцура, амма даго хьоьхура Чиллийна: «со уллохь хилча Давадна атта хила декхар ду. Со ч1ога тера ю Поллех. Ас цунна иза дийна йолуш санна хоьтуьйтур ду. Со оьшу цун¬на. Сан а вац цул тешаме, цул уллора накъост кху дуьненчохь висина. Тхойшиъ оьшу вовшашна».
«Муха оьшу? Со цунна новкъа хилахь? Со цо д1акъахкаяхь? Х1унда къахкайо? Цхьанхьа цхьа кхерч хила ца беза цуьнан, гуттара а, саг1адоьхург санна нахехула волавелла а ца лелаш? И кхерч цхьаммо бохба ма беза? Цхьаммо йовха юург латто ца еза? Цхьаммо, цо садо1уш, иза ларва ца веза?
Ой, ткъа со цуьнан зуда ма яц! Йиша а яц. Стунъйншех хила а ца мега йиша? Дала дихкина ишттаниг?   Поллас дина весет..?»
Цкъа гуллой, уьйриг хуълура Чиллин ойланех. Юха и уьйриг басталой, хьаьрчий, шеддаш хуьлий д1ах1уттура. Кхин ойланаш ца ян барт хуьлура йоь1ан, цкъа Давадна т1е кхаччалц. Амма ой¬ланаш юха а т1ерган урчакх хьовзо юьйлалора.
Даьсса хетара лаьмнаш.
Ши шо хьалха х1орш х1оккху хенахь д1адуьзна хуьлура нехан долахь долчу уьстаг1ийн, даьхниин, говрийн раьг1наша, тобанаша. Теркайистехь 1а а доккхий, жа лаьмнашка хьаладаьлла хуьлу хан яра х1ара.
Х1инца десса дара.
Жа а, даьхний а, говраш а яцара. Адамаш а дацара. Ца гора цхьаннахьа а буьйлуш к1ур. Ца хезара леташ ж1аьлеш. Лахъелла, худаелла, балано 1аьвшича санна лаьттара к1отаршкара т1улгех йоьттина г1ишлош.
Хьаладало жаш, даьхний ца хилча,  арашкара наха а схьакхелхана дан х1ума дацара. Х1инца лаьттара  г1ишлош, т1улгаш юьккъехь мелкъарчий а уьдуш, мохо а лоькхуш.
 Бакъду, цхьаерш, уггаре а якхийнаш, б1аьвнаш а цхьана, лелхийтинера, буха бомбамаш а йохкуш. «Бандиташ лечкъар бу царна чохь», бохуш.
Оцу говзаллийна а паччахьан инарлашкара 1емаинера энкеведахошна. Мацах цара обарг Зеламха лоьхуш лелхийтинчех йисинарш яра х1инца кхара лоьлхуьйтуш ерш.

Цу дийнахь сарралц лехарх ца карийра Чиллина а, 1абдурахьманна а Давад. И шиъ буьйса йоккхуш сецира цхьана ч1ебарлойн доьзалехь. ХIусамдас дош делира 1уьрре говрахь араваьлла, Да¬вад схьалаха. Цо иза кхочуш а дара. Шоллаг1чу дийнахь, делкъал т1аьхьа говрашна т1ера хьацарш охьа а 1енаш, хаьхкина схьакхечира Даваддий, иза схьалаха вахана хилла х1усамдай.
       - Х1ун хилла? Шуьшиъ х1унда деана? Нана муха 1аш ю? — даго цхьа сингаттам хьехна, хоьттура Давада.
        - Нана дика 1аш ю. Хьо ван хьевелча са-м гатдо цо, — элира Iабдурахьмана, — х1ара Чилла а яра ч1ог1а хьо ган лууш. Наха хьуна чов хилла бохуш а дуьйцура.
   Давад хийцавелира. Шен нана дийна а, могуш а юй хиъча, лиира цунна шен вешин а, стуйишин а б1аьра эсала хьажа. Цаьршинан дегнашна там бан.
  - Чилла, ма къахьегна аьшшима. Со х1унда лоьхура аш? Со-м лийр волуш вац шуна, — улло вахана, ваша а, стуйиша а мара хьарчийра Давада. Ша цаьршинна х1ун  там бер ца хууш, воьхна хьаьвзира.
    Ша ц1акхоччушехь божала чуьра арабаьккхина, уьстаг1на шаьлта хьаькхира х1усамдас. 
      
     **
     Суьйрено малдинчу х1авао, башломана т1ехьара хьалабаьлачу беттан серлоно туьйранах тардинера лаьмнаш. Боккха чуьйна яй кхехкош латийна хиллачу ц1еран к1егий дара д1адаза, мелачу мохо къега а деш, лаьтташ. К1егашна уллохь хиъна Iара Давад¬дий, Чиллий.
     Цхьана сераца и к1егий т1егулдина, тIехула дагаза дисана хаьштигаш а дехкина, «х1уп» бохуш йоллура Чилла. Эзаршерийн к1оргера схьаеана вайнехан зударийн амал хир яра-кха цуьнан экам дог парг1ат ца дуьтург - кхерчара цIе д1аян цалаар.
     Давадна а хетара шен цхьацца суй хилла д1асаяьржина ойла¬наш Чиллас цу сераца иштта, к1егий санна, т1егулъеш санна. Эхь хетарца, къайлах хьоьжура иза беттан серлоно а, лата гIерташ кхийссалучу цIеро а серла йохучу Чиллин юьхьа т1е: ма тера ю Поллех…  Полла!  Х1ай веза Дела, х1ун дан г1ерта-те хьо х1инца мукъа сан артдала доьллачу  дагах?      
           - Кхана 1уьйранна ас д1акхетор ду щуьшиъ, Чилла, — элира Давада.
          Чиллина ца карадора дуьхьал ала х1умма а.
           Юха а тийналла хIоьттира. Давадан дагахь карладуьйлура кху т1аьхьарчу шина шарахь мел лайнарш. Кхетара ша цхьана зила тIе кхаьчний. Къасточу зила т1е: я ша, я Рахьим. Кхетара:  хIинца а цуьнца мостагIалла нисда доьналла ца кхачахь, нахана гергахь а ша осала хетар вуй.
         Иза гуттара а даг чу дижина дара к1антана. Вуьшта, х1иццалц и ч1ир оьцуш ша вейтар а цхьане меха лоруш ца хиллехь, х1инца, кху сохьта, кху Чиллас хазъйинчу сарахь дийна виса лаьара. Лаьара ца вала, кху экамечу, инзаре дукхадезачу адамийн дуьхьа. Цу адамашна харцо тоьлла схьадог1учу кху дуьненахь церан дола дан. И Чиллин башха ши б1аьрг кхин цкъа а, кхола ца кхолийта.
        - Давад, гуттара а нахехула волавелла лела ма хала хир ду хьуна. Хьайн цхьа хIусам ян а яц хьан? —гIийла ела а елла, эхь хеташ, хаьттира Чиллас.
        - ХIусамаш-м дуккха а яра. Со-м холчахь вацара. Цуьнан г1айг1а ма ел ахь, — эсала жоп делира Давада. И жоп дацара Чиллина хаза лиънарг. Иза шечунна т1е гIертара.
         - Ма хала хир ду-кха хьуна, — юха а элира цо.
         - Х1ан-х1а, Чилла. Хала дац. Цхьа йист ериг хир ю кхуьнах.
     Хала дара Чиллина шен дагахь долчух Давад кхето. Хала дара д1адийца а, ма дарра ца кхетарна кхоьруш.
      «Со йиша хир яра хьуна. Ахь боххург деш. Хьо Iалашвеш. Д1аяийтах1а со хьайца» — дара Чиллина ала луург. Амма иза нийса ца дог1ура.
      Х1инццехь, тховесехь, кху латаг1ерташ йоллучу ц1ера уллохь цааьлларг тIаьхьа дисса мегий а хаьара Чиллина. Тховса шаьшшиннин барт ца хилча, юха а наб ца кхеташ, буьйса яккха дезий а хаьара.
    - Давад, со хьоьца д1айола, хьо воьддачу?
    - Х1унда? — ойла а ца еш, сихха хаьттира к1анта.
    - Хьуна оыш-оьшург дан... хьуна юург латто... хи кхехьа...
         - ХIан - х1а. Баркалла хьуна, Чилла. Суна сайна а 1емина дерриге а дан. Баркалла.
     Даггара  бохура Давада и баркаллаш. Цунна моытура Чиллас ден хеттарш г1иллакх лоьцуш деш ду. Ца кхетара иза берриге а гергарнаш бала а бела,кху дуьненах а догдаьлла лелачу йцо1ах. Ца кхетара, цуьнан кийра а, зукдабер делахьа, бекхам боьхуш кхехкий, иза а, хаза хетарцуа, обарг а хилла, шена улло х1отта кийча юй.
     Суна сайна а атта дара, Давад. Сан х1инца цхьа а ма ца висина. Со хьанна оьшу...
        Оцу дешнаша ойла яйтира Даваде. Цхьа тамашина, ша-тайпа ойла. Вохийнера к1ант цу дешнаша, цу ойлано. Жоп дала дезара йо1ана. Цхьа жоп. Давадна иза да карадора. Цуьнан синтем байна б1аьрса кхерстара йоь1ан юьхьа т1ехула. Соьцура йоь1ан эсала догучу б1аьргаш чохь. Жоп ца карадора.
          «Ас сайн йиша санна эсала, хьоме, доллучу а   вонах   ларъеш, лелор яра хьо. Воккха а вийр вара хьо сайна уллохь   йоллуш. Вуьшта, нахана ма хаьа хьо сан йиша йоций. Хьо сан стунйиша юй. Х1ун эр ду наха хьо ас сайца д1айигча? Х1ун моьттур ду? Х1ун долор ду? Муха дуьйцур ду и дерриге а хьоьга д1а? Муха кхетор ю?» — ойла йора Давада.  Йоь1е барта-м элира:
          - Сайн йиша санна хета суна хьо, Чилла. Хьох къа алсам а хета, хьо цхьа йисарна. Ас Маккий, Мединий йолччу д1аюьгур ю хьо. Цаьршинца сагатлур дац хьан. Дика дуй? — эсала къежира Давадан ши б1аьрг.
          - Соьга Поллас хьо 1алашве, хьуна уллохь хила, аьлла весет ма дина...
     Давадан дегIе зуз хьадийтира цу дешнаша. Поллех къаьстичхьана иштта эсала, довха дешнаш цхьаммо а ца хазийтинера цунна. Тамашена а дара, мел 1итталучу бохамийн да шех тарвелла 1аш волчу цунна, иштта дешнаш хаза.
        Чилла, кхин йист ца хуьлуш, ши б1аьрг ц1ера т1е а боьг1на 1ара. Давадна къахийтира йо1ах. Кхийтира цуьнан жимачу дагчохьа бекхам кхехкий. Цунна ашаре дахар ца оьший. Цо юкъ йихканий, обарга санна. Амма йо1е цок хин элира:
        Чилла, со цхьана меттехь соцуш ма вац. Гуттара а суна т1аьхьа ладийг1а, сагатда хала хир ма ду хьуна..
         - Х1умма а дац. Иза дара-кха суна луург, Давад.
     Чиллас иштта аьлча ойла хьаьвзира к1ентан. Кхин а к1орггера ойла йинехь-м эр а хир дацара цо, амма х1инца жоп делира.
        - Цанашка олучу цхьана меттехь, Гуьржийн лаьмнашка д1акхоччучохь цхьана доккхачу шина стага сайнна делла т1улган ц1а ду сан. Хьуна лаахь, ас хьо и доккха ши стаг долчу д1аюьгур ю сайн йиша ю, аьлла. Вуьшта, хьан наха х1ун эр ду, Чилла, хьо Поллин весет кхочушдора аьлла, соьца д1аеъча?
    - Ас суо хьан ненаца, Заидатца  1ийр ю аьлла сайн гергарчаьрга! — сихха жоп делира йо1а.
          - Х1ан-х1а, Чилла. Корта а хьаьвзина дийцира ас хьоьга и доккха ши стаг а. Сан ненаца 1ан еза хьо, боккъала а. Со а ма кхочу цига кест-кеста. Х1инца, д1аяло, д1айижа. Сада1а. Хан яьлла вайна. Кхана къаьстар ду вай дан дезарг. Яло, д1айижа.
      Йо1 д1а а яхийтина, ша 1ара Давад цо латийначу ц1ерана ул¬лохь.
    Цхьа тамашена йовхо хьарчийнера йо1а цуьнан дег1е.
    Не1 а йиллина, цхьа ког ара а баьккхина, кху харц дуьненчуьра д1аваха воьллучуьра, т1аьхьа мохь а тоьхна, юхаваьккхинера.
   «Мичара баьлла и ницкъ Чиллина? Стенна марсаяьккхи дог-ойла цу йо1а? Цуьнан Поллех тера хиларой? Цул а къона, цул а хаза хиларой? Поллица текхна мерза суьйренаш карлаяхарой?
    Ткъа Чиллех цкъа а хир ма яц Полла. Цуьнах цкъа а хила йиш ма яц езар, xIусамнана!
    Стенна оьшу керла дега1ийжамаш, эрна хабарщ, эладитанаш? Ас муха йо цуьнах обарг?
     Иштта хьера ма ца даьлла х1ара дуьне х1инца а.
    Дела а ма ву дерриге а ган а гуш, хаа а хууш. Ме1аргонна корта хьовзабора-кха сан цу йо1а…
Чилла... Ма хаза ю хьо. Ма тера ду хьан бIаьргаш Поллийчех. Полла... ша яла йоьжначу сохьтехь цуьнан даго лехна-кха сан синтем кхоо ницкъ кхочурберг. Хууш хилла-кха цунна шех терачу Чиллийн сан дог-ойла тея ницкъ кхочур хилар.
Маржа, ши йиша,  ма иштта дакъазаяла хьакъ яцара шуьшиъ. Ма бехк боцуш х1аллакьхуьлуш лаьтта хийла оьзда синош, доьзалш. Х1ун кхоллам бу техьа Маккийний, Мединийний Дала хьехнарг а? Х1ун къонаха кхуьур ву техьа 1абдурахьманах а? Х1ун стаг вер техьа цунах а кху 1едало?
      Нана... Тховса хьуо цхьаъ хир ю-кха хьо. Ма сагатдеш хир ду ахь.. Кхана 1уьйранна Чилла а, 1абдурахьман а хьо йолчу д1акхетор ду ас. Дала сайна мокъа лахь!

 
**

    —Ма дика ц1ийнанана хир ю Чиллех. Ма ирс ду иза кхаьчначун! Маккина а, Мединийна а-м иштта г1уллакхаш дан хаа а ца хаьа, - дуьйцура Заидата Даваде, иза к1отара  веъча.
   Нахера доьхий, ахьар дахьаш, к1олдан межаргаш оьцуш, хала б1аьсте яьккхинера Заидатий, 1абдурахьманий, Маккасий, Мединассий. Ткъа х1инца лерана кхиайора аьхкенан юьххьехь д1айийна картолаш, хьаьжк1аш.
   Бацалахь дежаш лелара Хьусайна делла шинарий, 1ахарий. 1аьнна к1ел бахча мацалла ца хьеггал юург вовшахкхета герга дара. Цу доллучуьнца а дика ларайора Чилла, 1абдурахьмане г1о а дойтуш. Изза накъосталла шена хуьлуш а тоам бора Асвадна сагатдеш, садала доллуш хьийзачу Заидата.
   Давад наг-наггахь кхочура к1отара. Къамелехь цо къедорехь,  кхин а масех накъост карийнера цунна Рахьимца ша бан дагалаьцначу тIамехь улло вала. ТIаьххьара ша вог1уш уъстаг1ан чалх а, туьха а деара цо, миччара деанехь а.
   Заидатана Давад к1отарахь гучу ма ваьллинехьа, сихха д1аваха лаьара. Карладуьйлура Асвад лоцуш милцоша бина хиллачу гонан ирча сурт.
   Цу сарахь котара вог1учу Давадна гира к1оргачу 1ина чу, белшах к1удал а тесна, хи дан йоьду Чилла. Шен говр цунна т1аь-хьа 1ина чу ерзийра цо.
         - Схьая к1удал. Нуьйрах д1аехка вайшиммо?
         - Ой! Давад! — цкъа кхераелла, юха хазахетта хьаьвзира йо1.
         - Сан накъосташа совг1ат даийтина-кха хьуна, ас сайн ненаца 1ен еана сан стуйиша ю, аьлла, дийцича. Х1ан, д1аэца.
        Иза дара сирла-сийна дарий, чилланан к1ай йовлакх, туьтеш...
        Эхь хеташ, йоьхна хьийзара Чилла.
      -  Нана х1ун деш ю?
      - Дика 1аш ю.
      - 1абдурахьман вон-м ца лела?
       - Х1ан-х1а.
  -  Асвадаг1арах хезний х1умма а?               
       -  Ца хезна.
       -   Говра т1е ***й хьо?
       -  Х1ан-х1а.
       -   Кхоьру?
        - Жимма.
  -   Говр хахка 1ама лаьий хьуна?
       - Лаьа, — сихха элира Чиллас. ТIаккха, эхь хетта, ши б1аьрг д1алачкъийра. 
       - Говр хахка-м хууш хила, хьаха, деза! Нийса топ, тапча кхосса а хаа деза. Зама ю иштта, Чилла. 1ама ей ас хьо?
       - Х1аъа! – Йоккхаеш, мохь элира йи1а.
  - Дика ду, — велакъежира Давад, луьста даьллачу маж-мекха юккъера шен шекар санна к1айн цергаш а къагош.
       - Давад.
        - Х1а?
  - Поллас х1ун элира хаьий хьуна?
  - Х1ун элира?
     - Кху лома хьалаволлучохь цхьа шера, т1ехь хьун а йоцуш к1айдарг ю бохура цо.
       - Ю. Таккха? — лерана йоь1ан б1аьра хьоьжура Давад.
        - Оцу к1айдарга т1ехь вайшинга шена чурт х1оттаде бохура-кха Поллас...
  -  Чилла
  - Х1а-ан?
    - Со со а-м вара  цигехь цунна чурт х1отто дагахь. Экъа а лехна ас-м цигахь д1ах1отто. Т1ехь йоза дан стаг воцуш 1ара-кха.
        -  Цхьатерра еш хилла-кха ашшймо ойланаш,ахь а, Поллас а…
   Кхин вовшашка дист ца хуьлуш, хьаладелира Даваддий, Чиллий шовданан тог1ий чуьра. Цу сарахь Давад к1отарахь дукха ца хьелуш, лаьмнашка хьала вахара.
Кхоалг1ачу дийнахь хьалххе веара Давад к1отара. Нана а, Чил¬ла а, ший а г1еххьа кхоьлина яра.
«Асваддий, Шайхмохьмаддий цкъа Соьлжа Г1ала охьа а вигна, цигахь кхо-диъ де бен ца доккхуьйтуш, Сибрех д1авигна хилар хиъна  кхаьршинна», — дагадеара Давадна. Бахьана-м кхин хиллера. Шаьшшиъ диссинчахь нанас дийцира:
      - Чиллин денмаьхча веанера юьртара хьала. Йо1 д1айига веана ша бохура. Наха бехкаш дохку шена боху, маьхчан йо1 йиша 1ийначун ц1ент1ахь йитича.
      - Ахь х1ун эли? — сихха хаьттира Давада.
      - Чиллина шена а д1аяха ца лии. Макка, я Медана  хьала а яийтина, охьайогур ю ша, аьлла, дIавахийти цо-м иза.
  -  Бакъ вахийтина.
      - Бакъ вахийтинехь а, гуттара вайгахь 1ийна ер юй нехан йо1? Вай муьлш ду цуьнан? Йишин марзхой...    
        - Хьайн дагахь иштта Дуй ма хаийталахь цунна, нана. Цхьа миска бобер ма ду иза.   
     -   Бобер делахь а, хазалла яла йолууш, сурт санна ц1ена йо1 ма ю иза, мел тоьллачу к1анта а маре а юьгур йолуш. Цхьанхьа д1а ца нисъелча йолий иза? Юха а т1аьха стаг вагIахь, д1а ца йигийтича ер яц. Я 1абдурахьман вахийта ас иза д1аэцна?
      -  Ма вахийтахьа, нана. Цкъа собардехьа, цунна вайгахь 1ан лууш хилча.
  - Давад, инзаре дукха халонаш, баланаш 1иттабелла вайн ц1ийнах. Дерриге а ловш, йохьах ца духуш, схьадаьхкина вай. Мел даккхий хIуманаш лан дезарх, нахана т1ехтохам ца битина вай. Стаг валар а, висар а х1умма а доцург ду хьуна, сан к1ант, йохьах, стогаллеха, оьздангаллеха иза ца воьхчахьанна. Ма яийталахь, сан к1ант, вайна т1е юьхь1аьржо. Д1аяхайта и нехан йо1. Иза вайн х1умма а яц, мацах хьан стуйиша хилла хиларх! – Г1айг1ане дара ненан къамел.
Давад дуьхьал вистхилла валале нана чуьра араелира.
Чилла ломахь шена гичхьана, цхьана а заманчохь иза дагара ца яьллера Давадна. Ойла тилийнера Чиллас г1айг1ане  схьахьежначу бIаьргаша. «Х1ун бохура цу б1аьргаша? Дуьненах догдаьлла церан? Ца леа царна кху дессачу дуьнене хьежа? Обаргалла т1елаца лаьа царна, дуьннах дог а диллина? Цундела хьерча цуьнан дог-ойла соьх, ас лелочу декъазчу г1уллакхах? Д1акъахкае ас? Муха? Иштта хир дутехь угаре а нийсаниг?»
Давада деанчу сирла-сийначу дарех шена коч тегнера Чиллас.
Коьрта тиллинера чилланан к1айн йовлакх. Цедваьккхинера Давад йоь1ан хазалло. Елакъежара Чилла шен кечъялар Давадна хаза хеттий хууш.
     - Цхьа бер ма ду иза. Цу тIехла, коьртаца а башха дика а яц. Ша кхетал хилча, кечъяла гIертар а ярий, кху бохамашна юккъехула? Кхуьнан нана елла а ца даьлла х1инца а шо а, — г1амг1имаш дора Заидата.
— Ма дийцахьа, нана. Д1ахезар ду цунна. Вайшинан догьэца гIерташ лелий иза-м. Хилийтахьа цунна цхьа жимма хазахетар.

**

     Буьйсанна г1ан гора Ибрах1имна. Кунта – Хьаьжа ваьллера орцаха.
     - Суна хеара, Хьаьжа, хьо кхочур вуй! – г1адваханера йийсархо, шен Хьаьжа доггаха маракъуьйлура цо, б1аьргеха хиш а 1енош.
     - Ас кхаъ боккху хьоьга, - эсала, вела а къежаш, элира Хьаьжас. Цуьнан юьхь сила яра. Беснеш т1ехь – беран санна, ц1ен бос.
     - Муьлха кхаъ?
     - Т1аьххьара цамгар ю вайх кхеттарг. Делера хаам кхочур бу вайна.
     - Хаам? Муьлха хаам?! – хаа леара Ибрах1имна.
     - Вай сонта хила йиш йолуш къам дац. Вешан мах хуур бу вайна кестта. Х1ора нохчочун а са мел мехала ду, хуур ду вайна кестта. Т1аккха вай т1емашна к1ел г1ертар дац. Б1аьргашчуьра бода д1абер бу. Кхетамера сонталла д1аер ю.
     - Маца хир ду иза, Хьаьжа?
     - Г1ехь хан езар ю. Цкъа хьалха вешан талхарх кхералур ду вай. Дера хилча, осал хилча, саьхьара хилча муха хуьлу гур ду вайна. Цу цамгарх тодала беза мах бала дезар ду вайн.  Цулт1ехьа ц1анлур ду адам. Дикаллин, оьздаллин, комаьршаллин х1у мах бу хуур ду. Цамгарах к1елхьара ваьллачунга керла ницкъ буссу.
     Хьаьжа, билгалонаш муха хир ю и хан т1екхочуш? – сихвелла хаьттира Ибрах1има.
     - Коьрта билгало – адаман ша шех догдер ду. Бакълуьйш верг наггахь бен хир вац, я цуьнан мах а хир бац.  Нахана гергахь тоьлларш – рицкъанах каеттарш хир бу. Хьоладайн бен пусар дийр дац наха. Оьзданиг, ц1енаниг г1ийла, миска хетар ву. Оьздачийн оьзда боцчерга дехарш дан иха дезаш хир ду. Яхь йолчун яхь йоцчун сий дан дезар ду. Дела дукхавеза шайна, бохуш, моттарг1анаш а лелош, хьарам рицкъанна т1екхийдарш алсамбевр бу.шайн хьарам г1уллакхаш Делан ц1ерна т1ехьа лечкъош берш алсамбевр бу. Сан мурдаш ду шаьш, бохуш, Йилбазан лаамаш толор бу цара. Зуькарех хелхарш тарлур ду бузаро хьерабаьхначу нахана…
     - Ишттаниш а хир ду те? – цецваьлла, хаьттира Ибрах1има.
     - Къор1анан хьехамаш харцахьа туьдуш берш алсамбевр бу.  Цхьана хенахь кху ор чу къур1ан кхочур ду хьуна. Лерана беша цу къор1анан х1ора мог1а, тахана вайн къоме х1оьттанчун а, дуьненчохь хуьлуш долчун а ойла а еш. Дукха х1умнах кхетор ву хьо айхьа юхадешначу Къор1ано.
    - Хьаьжа, тахана вайн къомана доцца х1у хьехара лур дара ахь? – хаьттира Ибрах1има, эвлияъ д1авахале, сихвелла.
     - Собар, - доцца жоп делира Кунта – Хьаьжас, т1аккха т1етуьйхира: - Собар кхачийначул т1аьхьа собар. Цуьнах Нохчалла олу. Нохчаллел деза х1ума дац вайн къомана, вайна иза муха ду, мичара схьа ду ма-дарра хаахь, хеъча цуьнан хьесап дан хьекъал а кхачахь.
     Ибрах1им самавелира. «И г1ан дацара. Г1ан хиллехь а – шатайпа г1ан дара. Иза боккъала а Кунта – Хьаьжа вара!» - дог тийшира Ибрах1иман.



Ши говр ялийнера Давада. Араваьлла, царшинна улло вахара иза. Арахь г1уллакхаш деш лела Чилла т1ееара.
— Говр шиъ ма ялийна ахь, Давад? — дийкира цуьнан башха аз.
—Цхьаъ хьуна ялийна. Ахь хьайна говр хахка 1ама лаьа ца элира хьастаха?
   — Элира.
— Аьллехь, ялол. Шерачу дукъа доьду вайшиъ.
— Х1инцций?
— Х1инцца !
Айина, к1айчу Динан нуьйра хаийра Давада Чилла.
— Охьа ма йожалахь.
      — Х1ан-ха, ишта-м, ас жима йолуш т1ехь нуьйр йоцуш а хихкина хьуна говраш.
Шина а говран юьхь а лаьцна, басахула хьалаволавелира Да¬вад. Заидат саьккалан жимачу корех ара хьоьжура: «Ма кхетамчу вог1уш а лаьтта х1ара, аса хьехамаш бинчул т1аьхьа... Дала диканца ерзайойлакха шуьшиннан сонта уьйр!»
— Давад.
— Х1а?
— Со д1айига баьхкинера дехой.
— Хьуна лаьнй д1аяха?
      — Х1ан-х1а.
      — Х1унда?
— Соьга Поллас хьоьца хила ма аьлла. Хьо лелачухлела, хьо лечахь ле…
Давадна дуьхьал ала хIума ца карадора. Кху тайпа къамел шаьшшинна юккъехь мел хуьлу, Давадан ойланаш, хьерайовлай,  д1айоьлхура. Цунна ша тентаг волий вуьссуш санна хетара.
— Давад, айхьа йийцинчу метте Гуьржийчу д1айигахьа со.   
— Х1ан-х1а, Чилла. Нах кхетар бац вайшиннах,
— Соьх тешаме, аьлларг деш йиша хир ма ю хьуна.
— Кхин ма дийца вайшимма иза, Чилла! Хьо жима ма ю. Хьо дика ца кхета айхьа дуьйцучух.
— Со кхета. Хьуна ца лаьа кхета. Со жима а яц, хIинца.
— Ма дийцахьа иштта, Чилла.
— Хьуна новкъа елахь-м, д1аг1ур ю со.
Давад вист ца хуьлура. Чилла говра т1ера охьаиккхира:
— Тховссехьа д1аг1ур ю со, хьуна лаахь. Хьуна иштта хийра хетахь.
Хиша т1ундинера йоьIан бIаьргаш. Давадна хьалха лаьттара иза, и шеен беран санна дегабааме,  башха б1аьргаш цунна тIе а доьг1на.   
 — Хийра ца хета, Чилла. Хьол уллора, хьол хаза, хьол дукхадезаш адам дац суна кху дуьненчохь! Елара хьо сан йиша. Елара хьо суна хийра. Хьо сан стунйиша ма ю!
— Хилча х1ун ду? — мохь белира йо1е. Елхарца, белшаш а егош, Давадан шуьйрачу некха т1е божийра цо шен корта. Ойланах воьхначу к1анта шен бат меллаша, яй цу коьрта тIе йиллира.
Говрийн дирстанаш дIа а хецна, шина а куьйга хьоьстура цуьнан к1еда месаш. Чиллас сутара хьалакхийдадора шен беран сана ц1ен балдаш...
Мацца а бен метта ца веара Давад. Сихха д1асахьаьжира гонаха. Адам, олхазар, цхьа а дийнат дацара инзаре ирхъихначу лаьмнашна юккъехь.
 - Хьуна обарг а хилла соца лела лаахь, боккъала а говр хахка а, топ, тапча нийса кхосса а, обаргаша мел лелориг дерриге а хаа дезар ду…
 - Ас 1амор-м ду! — йоккхаеш, хьаьрчира Чилла Давадах.
- Ялол, делахь.
      Дерриге а дицделлера къоначу шинна. Яссаелла ламанан к1отарш, хедда гергарлонаш, уьйраш. Дицделлера х1ара дерриге а дуьне а дуьзна, кхехка мостаг1аллаш, ямартлонаш, харцонаш. Я х1иттинера дегнаш уьш дерриге а лан? Я кхин ца тарлора дегнаш чу и берриге а нзаре баланаш, г1айг1анаш?
Давадна дага а ца деанера Чиллица геннара эвхьазавала. Ойланаша аьттехьа ца дуьтура ша шен стунйишех х1усамнана йийр ю, бохург а. Амма хьаьгнера шинненан а дегнаш йовхонах, тешамечу доттаг1аллех, цхьана, ша-ша детталучу дегнийн уьйрах.
Дуьне дицделла, марзо оьцура цу шиммо вовшех. Экама, чевнаш хилла, сатийссина марзо. Цаьршинна бен доггаха мах ца хуу марзо.
   Чиллех хьакхавала а ларлора х1инца Давад. Кхетаман къоргенера схьа хаамаш хуьлура уьйраш ч1аг1 мел ели а.
    Доллучул а к1ант Чиллин   экамечу дагах   кхоьруру.   Кхоьрура ша иза кхоччуш йийсаре дарах, цунна, мацца хилла а,  чов хирг хиларх.
        - Кхана вог1уш салазахь Поллийна х1отто чурт дахьар ду ас,— элира Давада.
       -  Ма дика ду иза.
       - Лама 1абдурахьман воуьйтур ву ас хьо юьрта д1акхето.
         -  ?!!
       - Жимма 1ийна, юхайог1ур ю хьо, Чилла. Хьо юхаяле ас Гуьржийчуьра доккха ши стаг доллучух а кхетор ду...
        Чиллас доккха са даьккхйра.
        - Д1алацал. Иштта д1ахьажаел. Аьрру б1аьрг д1ахьабба хаьий хьуна?
         - Хаьа.
     -  Иза дика ду. И дIогара хьалакъедда юьхьиг гой хьуна? Иза нийсса к1ел нисъел айхьа кхуссучу х1уманна. Иштта. Лаг озал меллаша,   кхера а ца кхоьруш. Иштта. Юха а озал. Юха а. Юха а...
         Шоллаг1чу дийнахь царшиммо Полунина чурт хIоттийра.
         Цулт1ехьа х1ора дийнахь 1амайора Давада йо1 топ кхосса, говр хахка, ирачу басешкахула хьалайийла, лечкъана, тебна 1а. Чиллайна дерриге а сиха 1емара. «Хьо – м  кича обарг ю!» - воьлура Давад.


 

Давад а цхьаьна, исс накъост вара уьш. Берриге а жа1уй, ахархой. Цхьа а, я цхьанне да а, я цхьанне денда а вацара хьарам рицкъа лехна, нехан хьакъ диъна.
 Луучунна, ирзо даккха меттиг яра. Луучунна, уьстагIий, даьхний лело мохк бара.
 Шайн лаьттан, шайн хьаннийн, шайн шовданийн, шайн мехкан дай бара уьш.
 Паччахьо а ца къийсинера цаьрца, цара шайн хьацаршца гулдинарг. Паччахьо дехча, жижиг а, ахча а, говраш а деллера. Орца кхайкхнйча, т1амна б1о а гулбинера.
Керста паччахь эххар а б1е шерашкахь ламароша къийссинчу бусалбанан динаца а тайнера.
Ялсаманен бошмех тардина дийцинера т1едог1у советийн 1едал. Доггах т1еэцнера цуьнан 1илма эзаршерийн к1оргера схьайохьу маршо шайн ц1ийца йолчу нохчаша. Г1азотана санна г1евттинера советашна дуьхьал волу Деникин вохо.
...Х1инца х1ун хуьлуш лаьтта кхунах? Болх бан ца лууш, дечага пондарш а лоькхуш, хьаьжкийн луьйдигаш чохь ч1ог1а томка а доттуш, маларш муьйлуш, сакъоьруш лела туьллигашший, Дела вац мел аьлла мунепакъашший вовшахъеттаеллера шайн вежарша хьацаршца, ц1ийца гулдинарг д1адаккха. Х1ай, веза Дела, ма барам ца хиллера цаьргахь гулъеллачу гамонан, саьхьаролан, сутараллин!
Х1аллакьхила буьйлира Ленинаххий, Сталинаххии дуьненан шайхаш а бина, ламазашкахь цаьршинна мелаш кхийкхийна тоьл-тоьлла к1ентий.
Маржа ламарой! Хьалххе гучу ма яьллера 1илманчашна шун кхерам х1ун ю ца хуу майралла, амма кегийчу берийн санна атта тешам, дог ц1ена амал. Меллалц д1аг1ур ю техьа и шун шаьш шайн садуу амал?
Юккъе туьйсу цим ца къасталуш, тайпа-тукхамийн девнаш дуьйлуш, вовшийн аш дайи. Туркойн махкахь шуьга хьуьйсуш 1аш  динан вежарий бу аьлча, цига д1ахьаьлхина шу, х1аллакьхили. Шуха цхьа ах кулакаш бу, уьш х1аллакбан беза аьлла долийча аш вовшийн пехаш, синош дии. Дохийна, махкаха а даьхна, кхойтта шарахь эрна арахь дахкий шу, делла дерраш а д1а х1унда ца довлу, бохуш, махьарчий а оьхуьйтуш.
Исс вара уьш вовшахкхеттарг. Шайна т1ехь лелййна харцонан ца йита делах дуй биънарш. Ледало бандиташ олура царах,. Ярташкарчу наха-обаргаш. Бан-м уыш ц1ийнах а, ц1арах а баьхна хьийзон нах бара, даха х1унда г1иртина шу а, шун дай а бохуш. 
      Ша вуьйр хиларан ойла ца йора Давада. Дийна висаран яра г1айг1а. 
       Валаро дерриге а дIакхачадора. Дерриге а дIанисдора. Доллучун а йист йоккхура. Висаро х1умма а ца нисдора. Висаро цхьа а тайпа ваха маршо йолу аг1о ца буьтура. Изза хьал дара,  гарехь, кхечу барх1ангахь а, уггаре а воккхачун ткъей ворх1 шо бен доццушехь.
1алашо иштта яра накъостийн. Шиммо дийна делккъахь колхозера бежнаш дуьгур ду. Уьш дигна яьхьна аьлла хезча, Рахьимг1ар орцах хьолхур бу. Уьш хьаьлхина бог1учу новкъахь обаргаша кIела йийр ю...
     Дерриге а барт ма барра нисделира. Амма царна ца хаьара хьалхарчу дийнагь райцентре «бандиташца къийсам латто» ялийна салтийн ши рота юй. К1ело йинчийн го лецира.
Рахьим вевзина, тоьпан лаг озийра Давада. Биъ ког хадийча санна охьайоьжна, боьрах чу шершира Рахьимна кIелара говр. Давад цунна т1аьхьа басах чу хьаьдира.
Карара тапча охьайоьжна, яйнера Гаджиевн. Стохкалера диттийн г1аш а, кондаргаш а д1асакхуьйссура цо шен кхеравелла дегочу куьйгашца, тапча схьалоьхуш.
— Герз лой хьоьга? — т1ех1оьттира Давад. Кхеравеллачу Рахьиме дош ца алалора.
— Кара деа хьо суна, мел идарх, кхахьпа! — пхоьазза йолучу тоьпан чапчаг1а д1асатуьйхира Давада, лаг оза кечлуш.
— Х1ун лаьа хьуна? Асвад   вухаверзо лаьий хьуна?  Иза ас вигийтина моьтту хьуна? Ас ма ца лацийтина иза. Вухавало лаьий хьуна? — хьесталора Рахьим.
— Ма хала дара со хьан дешнех теша, зуд. Цхьа Асвад х1аллаквина 1а хьо? Маса стеган къа ду хаьий хьуна хьайна т1ехь? Охьабагарбой хьуна?
— Багарбел! Сан бехках-м ца велла цхьа а да! — мохь беттара Рахьима.
Давадна моьттура, цо и мохь кхеравелла бетта. Ца хаьара цу мохь беттаран кхин цхьа бахьана а дуй.
— Тхан цхьана юьртара ткъех стаг дийна вац, ахь бехкбоцуш бохийна бахийтинчарех! Х1ун бехк бара зударийн, берийн, къанбелла кIелбисинчу нехан, цомгуш, заь1ап бисинчеран?
— Со вац нахах кулакаш бинарг! Ас ца вохийна цхьа а да а! Хьайн мацахлера, шира мостаг1алла ду ахь соьга хьедеш дерг! — мохь беттара Рахьима. Кестта цо сатийсинарг а кхочуш хилира. Давадан букъа т1ехьа гучувелира масех салти. Уьш гучубовллушехь, Рахьим стоммачу подан дечигна тIехьа икхира. Салташа чу тоьпаш туьйхира. Цхьана даьндарго Давадан белшах чов йира. Давада Рахьимна йиттинчу тоьпан даьндаргаш попан диттах яхара.
Лаха чохь хьун йоцуш, шера басе яра. Цу басах чу кхоссавелира чов хилла Давад, жаг1аша дег1ан меженаш а цоьстуш. 1ин к1орга хиларна, салтий ца х1иттира цигахула Давадна тIаьхьа чулелха. Говрашца-м цигахула чу аьттехьа а воссалур вацара.
Кхин дан амал дацара к1ентан ведда хьуьна тогIийчухула яьлачу жоьлгашна юкъехь д1а ца лечкъича.
Цу т1амехь Давадан кхо накъост вийра, цхьаъ чов а хилла, каравахара.
Эвлахь иттех де а даьккхина, едда к1отара Заидат йолчи схьа аеанера Чилла. Иоккхачу стагана х1инца хьалхачул а къахета доьллера цунах. Давад схьаван хьевелла сагатлуш   хьийзачу  цунна, х1инца шена а лаьара Чилласий 1абдурахьманий тохара санна иза хьалахар.
Рахьимна к1ело ян баханчохь хилларг хазанза дара Заидатана а, Чиллина а, 1абдурахьманна а.  Иза мацца а  цхьана нижалочуьнгахь хезира.
Чиллин дагчу дижира чов хилла Давад оцу шаьшшимма йийцинчу Гуьржийн дозанна уллорчу меттехь хирг хилар.
Чов йоккха яцахь а, ца нисбеллачу аьттоно холчах1оттийна, садагийна хьийзара Давад. Говр яйна, г1аш бинчу некъо а х1оттийнера. Синтем хьаьшнера накъостий х1аллакьхиларо.
Цу ирчачу дийнахь д1асабаьржина дийна бисинарш накъостий а, цул т1аьхьа кхин вовшах кхетаза бара. Давадна да хаьара билггал маса вийна, маса каравахана, маса к1елхьара ваьлла. Ша цхьаъ виссаро кхинтье а к1аргбинера цуьнан сингаттам.
Накъостий вовшахбетташ лела а таро яцара: «бандиташ» леца баьхкина салтий массо а маьIе ламанца хьалагIоьртинера. Гуьйре т1е кхачале цхьа а «бандит» маьрша ца вита 1алашо яра церан.
Ламанан бецаш кхуьуш йохкура. Тоъал догIанаш ихна, цхьабосса, хаза хьалаяьллера иза стохккалц даьхний дежаш леллачу  меттигашкахь а цхьана.
 Керла ехкинчу колхозхоша шаьш нахера схьадаьхна даьхний, лахахь даккъашкахула хьийзадора. Цкъа делахь, йочана яхъелча эсий а, 1ахарий а чу дига даккхий божалш дацара лаьмнашца. Шоллаг1а делахь, «бандитех» кхоьру бохуш, гена хьалабовла а ца баьхьара.
Иттех-ткъе бежана, я б1е гергга уьстаг1а а кхаба аьтту болуш яра кхузара к1отарш, эзар шерийн к1оргера дуьйнна ламароша уграре а аьтту бол-болучохь ехкина. Хьаьвхье, малхтиде, цанан кортош, шовданаш, дерриге а тидаме оьций, лерана йохкура кхузахь к1отарш. Х1инца церан орамаш хадош бара нуьцкъала бухбохуш, дуьненахь цу орамна т1ера кхин цкъа а маргIал хьала ца къадийта 1алашо йолуш санна.
Х1ара тайна хьалататтаелла буц, эрна лаьтта дежийлаш лан а хала дара Давадан дагна. ХIоккху хенахь кечбора цо шарнна а мангал. ХIоккху хенахь ондадовлий, хазлой д1ах1уьттура б1аьстенан юьххьехь Теркайистехь дина кегий 1ахарий.
Дохнаца лелачу   1ушна уггаре а хаза,  тамехь зама яра х1ара. Давада арахь, вертанах а хьаьрчий, уьстагIашна уллохь буьйсанаш йохура х1оккху хенахь. Йохура, и уьстагIий дукха дезарна, царах къаста ца луш. Йохура стохккалц...
Дарбанан бецаш ехкина, д1айихкинера йоккхачу стага Давадан белш. Цхьадика, х1оъ чохь ца бисинера.
Малх суьйренгахьа лестина, де жимма шелделла хан яра Давад к1отарна къайлаза ваьлла, к1ел верта а тесна бацалахь 1уьллуш. Т1ебазбелла баланаш жимма бухатухуш санна хетара 1аламан машаречу саде1аро.
     Дуьнено-м шен амат ца хийцинера. Басах а ца телхинера. Мелххо а, хеталора хIара цкъа а ца хиллачу кепара къегана, хазделча санна. Ша хьего. Шен дог 1ийжо. Шех диса кечделла, доккхадеш, ловзар х1оттийна хьийзаш санна.
Да, нана, меттара а г1аттийна д1авигна Асвад, салтийн х1оьънаша хIинцца эгийна накъостий. Мила ву царех дийна? Мила велла? Мила кара вахана?
Полла. Чилла. Чилла...  1аьвжира дог. Юьйхира ойла. Хьаьдда дог1учу хино чемхалгаш санна, д1асакхийсира цу йо1а ерриге а дуьненан г1айг1анаш. Иза йоьссира стигланийн 1аьрчашна т1ера санна. ЙоггIушехь еара нисса даг чу, ойлане, кхетаме х1умма а ца хоттуш. .
«ХIай веза Дела, ма цхьа а агIо а аьтту болуш дацкха ахь соьга х1инца кхийдораш»— 1еса ойла еара коьрте. Таккха и корта меллаша бай т1е аркъал охьабахара, дIабузучу маьлхан з1аьнаршна к1ел,  эсала, де эшна.
«Чилла... Маржа я1, хьо дуьне! Ма дукха х1ума ца оьшура дуьненахь ирсе хила. Маршо. Гуттара а, даим а дайша къийсинарг — маршо. Кхин х1умма а ца езнера-кха сан къоманна, маршо бен. Цкъа а нехан сискал яккха а ца г1иртинера, нахаца дов а, т1ом а ца безнера.
 Гуттара а тхоьца, ламарошца х1унда ду теша кху г1азакхийн дов? Шайн мехкаш, аренаш, лаьмнаш ца тоьа-техьа царна?   Ма инзаре якхий, шорта ю цу Россин аренаш, акхаевлла, лаьтташ. Х1ун дан гIерта-техьа х1орш х1инца, къахьега мел ца лиъна хилла массо а мезиг ай а йина, яз а йина, церан хаьн т1е тапчанаш  а тийсина? Х1ун тайпа адам даржо бохку-техьа х1орш кху дуьненчу?
Ма дардина адам. Ма дакъаза даьккхина. Х1унда? Мича бале¬на? Мича г1уданна? Хьаьшна, дохийна, д1адаьхна-кха лаьмнаш, эрачу буг1ано ма1ашца д1асакхоьссина зингатийн гу санна.
...Кхин х1умма а ца оьшура-кха адамана, маршо, парг1ато бен. Ма сиха дебар дара жа. Кхо-диъ шо далале кхуьур дара тоъал уьстаг1ий, даьхний, говраш. Дерриге а хир дара. Меттах1оттор лара хьал а, бахам а. Адам меттах1отталур дац. Чевнаш а йина мукъа дуьтуш делара адам, х1аллак ца деш!
Тамашийна зама. НеIалт хилла зама, ма дера ю хьо, уьнан баланан а къиза. Ун-м делера дара. Ткъа х1ара? Дала ша-х дебор даций Дела вац боху охIла?!
Генна Iин чуьра хьала хин къора г1овг1а хезара. Суьйранна алсамдаьллера цаьпцалгийн зарзар.
 Г1айг1ане яра Давадна т1ейог1у буьйса. Сингаттаме дара т1едог1у долу де. Х1ун дахьар ду цара? Дикачу хIумане ла ца дуьйг1ура Давада цхьане а аг1онгахьара. ХIинца а, хьалха санна, кху дуьненчохь мелла яккхахь а, йоккхучу хенан маьIна цхьаъ дара - бекхам.
Къилбехьа а вирзина, малхбузу ламаз дан х1оьттира Давад.
Малх чубуьзира. Ирачу ломан буьхьиган 1индаг1а даьржира. Цкъа а ца хеттера Давадана ша тховса санна цхьана, байлахь, декъаза.
      К1отара чубог1учу готтачу г1ашлойн новкъахь гучуделира цхьа  ши адам. И шиъ гучудоллушесь тохаделира дог. Шена схьагучух цатешаш лаьттара Давад. Шеко йоццущ, и сирла-сийна коччий, к1айн йовлаккхий дерг Чилла яра. Цуьнца цхьана верг — 1абдурахьман.
     Хьалаиккхина, дуьхьалведира Давад. Доггах маракъуьйлура цо, ший а цхьане схьалаьцна, хьоме ши адам.


Башха еара 1уьйре. Меллаша, эсала, дуьненчохь цхьаннахьа а вовшашца ийг1ина, барт боьхна ши стаг а вуй-техьа аьлла. Хьалххе, са а тасале, самаваьлла 1ачу Давада ойланаш йора: Х1ун де кхид1а? Цхьанхьа генна д1а а вахана, ваха хиъча х1ун дара-те дерриге а дита а дитина? Мича? Муха? Хьаьнца? Со д1авахарх, 1абдурахьман вуьтур вуй парг1ат ваха? Вуьтур вац. Х1ета а, вета а, Рахьим дийна мел ву дахар хир дац. Х1ай, не1алт цунна! Мича г1уданна дуьхьала ваьккхи-техьа ахь иза, х1ай Дела?!»
ТIаккха, Чилла дуьхьал тосий, дерриге а духура. Херайовлура мостаг1аллех, гамонах юьзна ойланаш. Амма  ойланийн а, мел уьш мерза елахь а, йист ца йолура. Цара дIаийзавора дахаран бакъйолчу къайленашка. Амма и некъ а, д1акхача воьлча, хаьдда хуьлура...
Цхьа ша-тайпа ц1ена, хаза дог1ура к1отарна лаха чохь долу хи. Т1улг огуш, цо шена даьккхинчу шуьйрачу апарина гонаха баьццара 1еха лаьцнера. Шерачу даккхийчу т1улгашна юккъехь, ган а гуш, даккхий бакъч1ерий уьдура. Цхьаццанхьа хино яьхна к1урк1манеш а яра цхьа башха, тамашена.
 Сийсара хи дан яхаяьлла Чилла юхаерзийнера Давада, садовш лаьтта, аьлла. Тахана, цунна и хи а гойтуш, кхуза веанера иза.
— Доккхачу шина стага вирана т1е ши кIудал а йоьхкий, доккху кху чуьра хьала хи. Гена ду кху чу эха, — дуьйцура Давада.
— Гена дац, — йоккхаеш, ела а къежаш, дуьйцура Чиллас, — со-м хазахеташ оьхур ю кху чу денна...
— Х1ан-х1а, Чилла, цкъа х1йнца а кхузахь 1ойла хир дац вайн. Т1аьхьа лоьхур ю вай ваьшна 1ен меттиг.
- Х1унда?
   - Иза ма  дийца вайшимма, Чилла? Д1ахьажал, оцу д1огарчу башломана буьххьера схьадолуш ду хьуна и хи. Сарралц хиъна 1арах ца к1ордадо цу хи уллохь. Ч1ерий мел дукха ду цу чохь! Хьуна гиний цкъа а бакъ черий?
       - Гина.Тхан хьера к1ел хуьлура уьш дуккха а.
Давадна дуьхьалх1оьттира Чиллин ден Шомсин хьера. Дуьхьал тесира жима Полла, ша иза хьерак1елхьара схьаяккхар...
        - Вайшимма х1унда ца юьллу, Давад, цу хи т1ехь хьера?
       «Вайшимма» бохучу дашо юха а кийра ц1е летайора Давадан. Цу дашо инзаре карзахйоккху ойла цхьана мокхазан бердах а кхетий, юханехьа  хьодуш санна хеталора.
   Д1акхечера и шиъ хи йисте. Чиллин ши б1аьрг иштта ирсе цкъа  ца гинера Давадна. Бовха хьоьжура и ши б1аьрг к1анте.
   «Х1ун ду, Чилла, цу хьан б1аьргаш чохь алсам, сох къахетар, я  бокъалла а со...» «Со везар» — и дош   ша-шега а ца   аладелира Даваде. Амма цуьнан коьрто кхин   х1умма   а схьа-м ца   лоцура. Чиллас, тохара санна, и шен хаза корта Давадан некха т1е биллинера.
Даваде х1умма а ца алалора. Ерриге а зама санна йоьхнера ойланаш. Дерриге а дара д1анисда, иймане дало дезаш. Царна юьккъехь – Чиллин галморзакх йийла г1ерта ойланаш.
Чилла йист ца хуьлура. Хетарехь, цунна а кхоччуш к1ордайнера х1ара г1олара даьлла,хахкаделла доьда дуне. Цундела ца гора цуннакху дуьненчохь кхи цхьа а серло, х1ара 1едална дуьхьала ваьлла, садихкина лела шеен нуц бен. Цундела д1аяла леара цунна ерриге а шеен йовхо, шеен эцаза биссина угаре а ц1ена безам.
 Давадана Чиллин месийн хьожа етталора. Ша дечун ойла а ца еш, гота шибелш а лаьцна, доггах маракъевлира цо йо1. Сутара хьерчара цунах Чилла...
Топ елира.  Давад, чов хила, голашт1е охьалахвелира.  ...Къаьрззинчохь бисинера цуьнан ши б1аьрг. Коьртаха д1а  кхуьйссура ц1ий...
— Дава-а-ада — шийла мохь белира йоIе. Басах чухьаьдда вог1ура масех салти. ТIекхетта, цхьаммо Чиллин карара ваьккхира чуьра са дIадолуш воллу Давад. ДIаоьхуш ц1ий а долуш, цуьнан дег1ах хьоьжуш, тапчий, патармашший, кхийолу х1уманашший д1алехьо х1оьттира салтий.
Чилла д1асецочу салтичо х1инца цуьнан бат д1акъуьйлура шеен боьхачу, хьацарший, ц1ешший дуьзначу куьйгашца, аркъал т1улгаш т1е охьа а йиллина.
— Бага х1ума йоллахьа цунна, ши куьг т1ехьа а дехкий, -  хьехар делира Давадан дег1ах хьоьжуш   воллучо. Вукхо   иза дан а дира. Схьадаьккхина, цуьнан коьртарчу к1айчу чилланан йовлакхца къевллина куьйгаш т1ехьа дихкира йоь1ан.   Та11ийна бага йоьллира шен итига чуьра схьаяьккхина боьха портянкийн эхиг.
Т1ебаьхкина, гIадбахана хьийзара кхиболу накъостий а, хьарг1анаш санна.
      «Х1ара вуй и Давад?» — хоьттура цара оьрсийн маттахь, хинца а чуьра са д1адалаза волчу к1ентан бетах мийра 1уьттуш, корта д1аса а керчош.
—   Ву, — воккхавеш жоп делира Давад вевзаш волчу цхьана энкеведен белхахочо.
—   Д1адовла кхузара сихха! Иштта гуллой ма латта! — омра дира командира. Берраш сихха д1асабевлира.
    -  Иванов, Джумашвили, ашшима и йо1 энкеведе д1акхетае! — шоллагIа омра дира эпсаро.
    — Ладуг1уш ву! — цхьане жоп делира шина салтичо.
Йихкина Чилла бертал говрана хьалха а тесна, воккхавеш вог1ура ши салти.
     Шерачу аренгахула д1аваха кхоьруш, хьаннашна юккъехулий, 1аниашкахулий вог1ура и шиъ.
Духдуьйлуш хи а долуш, цхьатерра люста чораш хьаладевла,  жима к1айдарг яра хьуьна юккъехь.
— Хи молий вайшиммо? — хаьттира хьаьрсачу салтичо.
     - Молу, - говра т1ера охьаиккхира ши мекх дерг. — Иосиф, шу долчу Гуьржийчохь хуьлий иштта   хаза мехкарий? — хаттар дира, цхьа ша-тайпа вела а къежаш, хьаьрсачо.
— Йштта хазаниш-м ца гина суна, — бакъдерг дийцича, — жоп делира ши мекх долчо.
Хьаьрсачо б1аьрг та1ийра. Ши мекх долчо корта таIийра
Говра т1ера охьаяьккхина, эт1ош, йо1ана т1ера х1уманаш д1аяха вуьйлира хьаьрсаниг. Ши мекх долчо цунна г1о дора.
Ерззина яьккхина, акхачу чорашна юккъе охьа а йил¬лина, хьийзайора шина къонахчо борша стаг ганза йо1астаг.  Рог1- рог1ана. Малх суьйрангахьа ластталц...

КIиранца гергга чохь а латтийна, х1ума ца юуш, корта пенах бетташ, яла йоллий хиъча, аракхоьссира набахтий чуьра энкеведехь болчара Чилла.
Йо1 евзар яцара гиначарна. Мажъелла, худаелла, юхьа т1ехь цхьа чкъор бен ца дуьсуш, д1аяьллера. Чуэгначу б1аьргашна к1ел 1аьржа гонаш х1иттинера. Хьирчина, етта охьаохкаелла месаш меттаяло г1айг1а ца бора йо1а. ТIера коч этт1а яра. Ши ког — 1ора. Шеко йоццуш, иза кхетамхаяьлла ю эр дара  гинчо.
Юьхьанца, ша араялийтича, Чилла латта а лаьттира чохь са а, коьртехь кхетам а боцуш санн. Цо цхьаний а х1уманан ойла ца йора. Иза цецъюьйлуш ерг цхьаъ дара: «Со дийна х1унда ю х1инца а? Мичара яьлла суна х1ара паргIато? Х1унда ду дег1 хIоккхул дай, могуш?!»
Кху дуьненчохь шен кхин дахар дооций-м шерра хаьара йо1ана. И дIогахула хьалабаьлла малх а, га лестош лаьтта и дитташ а, и мархаш а, х1ара дерриге а дуьне а кхин шен доций дика хаьара цунна.
Дуьхьалтуьйсург — шайн хьера 1ийнначахь, малхбалехь болу лекха берд. Жима йолуш дуьйна кхийринера Чилла цу бердах. Ца безара цунна иза, дукха лекха хиларна, дукха 1аьржа хиларна. Х1инца сатеснера сихха цунна буьххье кхача.
Ма йоккхаеш кхоссалур яра иза цунна тIера чу! Дицда, д1адакха дерригеа  хилларш. Тоийта, кхачо, йист яккха.
 Иштта дакъазаяьллачу хьолехь йо1 энкеведена хьалха латтийтала ца лиира милцошна.
Базар х1уттучу майдана стаг  вахийтина, Чиллин  юьртара ворданца веана стаг вуй хьажийтина, д1айигийтира.
 
       Буьйсанна ц1акхачийра юьртахоша Чилла. Ц1а аьлча а, денмаьхчин х1усаме.
       Зударий боьлхура. Божарша резабоцуш кортош хьийзадора. «Шен ц1ахь саца езаш хиллера! Х1ара дарий ас бохург-м!» реза вацара денмаьхча.
       Цу ехачу, семачу буьйсанна Чилин коьрте ойла еара: «Х1ан-х1а. Со бердах чу кхосслур яц. Ас миччара лехна а, топ – тапча лохур ю. Со эрна ца 1амийна Давада. Со ехь а, салтийн тоьпаша юьр  ю, Давад санна! Со лийр яц. Со ехар ю цхьана 1алашонца  бекхам бан! Делан, устазийн, нехан дуьхьа. Давадан дуьхьа. Бехк боцуш дакъазадаьккхина мел хьийзочу адамийна дуьхьа! Х1ай веза Дела, хьомсара  Дела, ницкъ лолахь суна! Аьтту белахь!!!

      Иттех де делира. Чилла шен денмаьхчин хIусамехь яра. Цуьнан дегIе жим-жимма ницкъ богIуш лаьттара. Районехула хабар даьржира: «Чилла энкеведес мах а белла, эцна, церан агент хилла. Иза цара леррина Давадна т1аьхьаяьккхина лелош хилла». «Х1аъ. Иштта дан а ду иза. Ишколехь йолуш дуьйнна а, комсомол а яьлла, ч1ог1а хьийзаш ма яра иза...»
Зударий ца совцабелира и кхаъ йоь1е д1а ца тоьхча а.
Цхьана буса Чилла яйра. Яцара иза юьртахь. Денмаьхчийна божалан беданехь даьтта а хьаькхна, истанга юккъе хьарчийна, д1айиллина хилла шен пхоьазза йолу топ а ца карийра.
И дуьххьаралера буьйса, стигалан малхбале жимма серлаяла яллалц, юьртана йисттехь х1етта хьаькхначу элан такхорана юккъехь яьккхинера Чиллас, лома хьала йолаяла ца яьхьаш. Баца т1ера тхи дакъадалале д1акхаьчнера лома, к1отара, Заидаттий 1абдурахьманний долчу.
Чилла цецъяьллера Заидатан собарх, къонахаллех. Йоь1ан корта мара а боьллина, дечиган маьнги т1е охьа а хиъна, шен дисина хиш дерриг а б1аьргех охьа1анийра цо, узамаш деш г1овг1а а ца еш. Цул т1аьхьа Чилла теян х1оьттира.
— Х1умма а дац. Цхьадика, цуьнан дакъа а схьаделира, Хьусай т1ахьара а д1а ваьлла. Д1авоьллина вайн кешнашкахь. Тезет а х1оьттира. Саг1а а даькхина, д1аверзийра иза-м. Цуьна-м шен каш а ду, т1еваха. Цуьнан каш а дацахьара, цу кешнашкахь со хьийна гу т1е г1ур яра? Къонахий бу аьлла мел хетарш дуьне мадду д1асабаържина, д1абовш лаътта. Х1инца х1ара цхьа къонаха ву-кха суна висинарг, — вукху аг1ор хиъна 1ачу 1абдурахьманан коьртах куьг хьаькхира Заидата. — Кхо д1аюллур хир ю-кха со а Давадана юххе. Цунна уллохь сайна меттиг йита ма аьлла ас дешначу нахе, — ела а къежаш, елхаран къурдашца дуьйцура нанас. — Оццу х1уманна т1ехь мукъа Дала аьтту бийр бац-техьа сан? Варийлахь, 1абдурахьман, и сан меттиг ларъелахь. Хьуна т1ехь ду хьуна со Давадна улло д1айоллийтар. Хезий хьуна?
— Хеза, — г1ийла жоп лора кхойтталг1а шо доладелдачу к1анта. 

Гуьйре еара. Ломахь хьалха хааделира цуьнан х1уо юьртахьчул. Буьйсамаш шелъяла юьйлира.
       Чилла лоьхуш гергарнаш баьхкинера лома шозза-кхозза. Йо1а хабар дахьийтинера,  ша ма леха, ша обаргашна т1аьхьаяьлла лелаш энкеведан агент ю, аьлла. Къар а белла, вуьйш д1асевцнера. Т1аьххьара а, хабар даийтинера денмаьхчас,  ша боккха тайша етт а боьхкина, эцна топ мукъа схьаяийтахьара, аьлла. Чиллас  жоп дахьийтинера, ша тоьпан мах д1абоуьйтур бу кестта, аьлла.
   Асвад а лаьцна, х1аллаквича, Давад а вийна бевлча, шаьш жимма парг1атехь ца дуьтуртехьа, аьлла, гергарчийн х1усаме юьрта охьа дахара Заидаттий, 1абдурахьманний. Маккий, Мединий цаьршинна т1е еара. Чиллина ца лиира ломара д1аяха. Иза цигахь, к1отарахь сецира.
Шело т1еяле шена цхьа говр а, юург а нисъя араелира Чилла.
Довха де дара. Лекха хьалаяьлла, хьакха да воцуш лаьттачу беца юккъехь садо1уш 1ара Чилла, аренца базара бахана нах бухаберззалц бохуш, шена улло топ а йиллина. Цуьнан   шеконаш де-дийне мел дели ч1аг1луш йохкура: иза доьзалхочух яра.
Амал йоьхнера Чиллин ша х1ун дер ца хууш. Г1араяла аьтто бане амбацара. Тоьпе хьоьжура иза лерина: «д1огара лаг т1еозийчихьана чекх ма долура дерриге а…  Х1ан-х1а, бекхам! Х1уъа хало, юьхь1аържо, 1азап лайна а — бекхам!»
Геннахь схьаг1ертачу нехан г1овг1анаш евлира. Чилла, тебна, некъа йистерачу хьуьна юьккъе яхара. Кхузахь, шовданна уллохь нах сада1а совцуш меттиг яра.
Говр — ворданашкахь хьаьжкъаш а, картолаш а йохка баханарш бара буха бог1уш, ворданаш т1е мехкадаьтта чохь яккхий банканаш а, галешкахь дама а дахьаш. Чиллина а дезара дама а, мехкадаьтта а, говр а. Амма ца езара иштта хьанал къахьоьгуш бохкучу нахера схьа а яьхна. Ткъа хьаьнгара йохур ю? Мичара ер ю?
Юьхьанца дерриге а атта хеттехь а, кхийтира Чилла шега нахана тешнабехк болур боций. Тоьпан хьокха цхьа къанъелла, декъаза х1ума санна, лаьттахула а текхош, яхана, юха а цани юккъе охьахиира иза. Шина куьйга корта а лаьцна, елха юьйлира. Цкъа хьалха меллаша, т1аккха ондда, узарш а деш.
Доггах йоьлхура Чилла. Цкъа а ца йилхинера иза иштта ч1ог1а елха догдог1уш, юха ца ерзалуш.
Мацца а, йоьлхучуьра сецча, г1еххьа кийра бастабелча санна парг1ате хийтира. Ша-шена оьг1аз яхара шен г1ийла хиларх. Сихха, топ схьа а эцна, юха а некъайисте, шовданна улло нахана к1ело ян яхара. «Энкеведехь йолу боьха х1уманаш лахка доьналлехь боцу божарий боьрша а бац, цаьрга и харцонаш а лелайойтуш 1адда 1аш болу! Цаьргахь говраш а, герз а хила хьакъ а дац! Цаьргара уьш схьаяхарх х1умма а дац. Юха оьцур ю шайна. Тхоьгара массо х1ума а д1аяьккхина. Ас цхьа говр бен йоккхур яц. Суна алсам оьшу говр, царначул!» — ша-шен даръя  г1ертара Чилла.
       Юха а некъаца татанаш девлира. Говрахь вог1ура дакхий мекхаш долу къонаха. Цунна т1аьхьа ца йиса г1ерташ, хьацарша а юьзна, схьаг1ертара еха коч юьйхина, оза зуда.
        - Садо1ий? — хаьттира мекхаш долчу къонахчо.
        - До1у дера - кх.  Хьо говрахь хиларх со-м г1аш яй,  — езаера зуда.
  Шовданна уллохь сецна, т1ера охьа а иккхина, гов куллах д1атесира къонахчо.
        - Багах чопаш ма йина хьуна, зуда, я ца ло хьо? — 1иттарш ян г1ертара къонаха.   
         - Хьуна а йийр яра чопаш, ас санна г1аш некъ бича. Жимма мукъа со а хаийта ца мега ахь говра? — хала са доь1ура зудчо.
         - Хьа-хьа-хьа! Товр-м вара хьуна со зуда говра т1е а хаийна, суо ц1огане а х1оьттина вог1уш! И хьаха ду, зуда, хьуна хьайн к1есалк1аг гуш а цагундерг. Хьуна-м моьтту хир ду хьуо юьртада а хаьржина, парте а яьккхина, охьаханйча, со хьайна хьесталуш лелар ву. Лелар вац! Чордин некъенан нах цхъа а ца лелла зударех майранаш а бина!
         - Стохка суна 1едало совг1атна елла пальто, т1ера ца йоккхуш, юьртара нах-м ма кхардийра ахь.
        - Хьо юьртада хиларх, со хьан майра ву! Со хьоьл лакхара ву! Цундела совг1ат а соьгахь товш ду.
        - Ду дер. Хаза-м хуьлу хьо ц1арула-ц1ен зударийн пальто а юхий, и ши мекх д1аса а дохуьйтий, вуса а лой, говра а хоий, юьртахула д1асаволавелча.
          - Делор ду зуда иза ахь суна х1уьттарениа долийна! Хьуна х1ун хаьа и палто зударийн ю, я божарийн ю? Моьттур дац шун тайпанан зударий палтонаш х1ун ю хууш лелла? Иза-м, къур1анор, хир яцара хьуна хьо яла карчарх! Иза-м, хьаха ю ч1ог1а йовха бедар. И сан йолуш соьх хьоьгуш-м дукха къонахий бу вайн юьртахь. Суна-м цунах шен йорг1а бекъа лора Долдин Жаббара!
  Хаза бара мекхаш долчу къонахчо куллах д1атесий расха дин, биэ а ког к1ай а болуш, коьрта т1ехула охьа а к1айн сек а долуш. Чиллин ч1ог1а безам бахара цуьнга. Цул сов, пальтонах хир йо¬луш кхин бекъа а хилча, къонаха ша а курочу дагахь а хилча, хазделира Чиллина иза цуьнгара схьабаккха.
— Шу зударий тамашена х1уманаш ю, — дуьйцура къонахчо, чами чохь хи эцна, цхьацца къурд а боккхуш. — Атта 1ехалуш х1уманаш ю шу. Хьуна хьайх кхоьруш делира моьтту наха шайн даьхний а, уьстаг1ий а, говраш а колхозана д1а? Ца делира. Цар¬на ма хаьара хьан букъа т1еххьа лаьтташ поп санна  со вуй! Сох б1обулуш бара хьуна райкомернаш а, райисполкомернаш а, энкеведеранаш а, дерриге а 1едал а! Х1унда аьлча, хьо зуда юй ма хаьара царна. Собранешкахь дуьйцург хьоьга, цхьаъ дуьй¬цура, т1къа соъга къайллах, буьйсанна юьстах а воккхий, дуьйцура. Ма-дарра а дуьйцура! Цундела хьо башха кура а ма йийла хьо. Хьо парте а ас бакъо еллачул т1аьхьа бен ца яьикхира хьуна цара. Я хьо даладелла йолуш хьийзош а яц. Цхьацхьа   юьртада зуда хила еза, аьлла, т1едожийца шайна бохура цара.
   Жимма луьйчуьра сецира къонаха.
— Соьга а малийтахьа, хьайн кхин мала дог дацахь, — чамий схьабийхира зудчо куро-о боккхачу т1улгабуьххье охьа а хиъна 1ачу майрачуьнга.
— Хьа-хьа-хьа!— Велавелла, г1адвахара къонаха. — Юьртада        муха хуьлу зудчух? Юьртада бохург - юьртан да   бохург дац? Да  хила тарлой зудчух?
             — Дитахьа, стаг, й хьайн вуьзна къамел. Хьох-ха  бригадир а со бахьана долуш хилла.
— Хьанах? Соххий? — хьалаиккхира къонаха. — Сан звеносчул алсам хьаьжк1аш хьан еллера лурчах? Ахь дагардирий ас ду аренна т1ехь маса литта дайтира?
- Башха дукха а дацара, -ца ешаш, куьг ластайра зудчо.
             — Осто-о-пирлах1, ма эхь ца хета хьо зудчунна! Красны знамя - хьан яьккхира т1аккха? Сан звенос ца яьккхира? И ца хууш ю хьо? Стенна дуьйцу ахь хьайна суначул а шера хууш дерг?! — кхоччуш оьг1азваханера мекхаш долу къонаха. — Соьл ч1ог1а ударник вац бохуш райкома   секретара   дина   хилла   къамел  дицделла хьуна?
Вайн Мирза ударник ву,
     Ц1ен байракх вайгахь ю... -бохуш зударша лоькхуш хилла эшарш йицъелла хьуна?
- Х1е-х1, — цаяшарца  эккхийтира х1усамнанас, — соьга дийцира наха и эщарш муха лоькхуш хилла-м.
            - Муха
            -  «Вайн Мирза х1удариг ву» — бохуш лоькхуш хилла-кха..
            - Дела къур1анор, ца хилла! — марсах велира ши мекх дерг. - Ахь хьайн сийдацаралла долийна ду-кха иза!
Чиллина к1ордийра и дов.   Йовлакх   дихкина, шен   бат д1а а къевлина, топ тоьхна, шовданна чуьра хи д1аса а кхусуш, хьуьнаюккъера схьаелира иза:
 -  Са дезахь, меттаха ма хьалаш!
Кулла улло яхана, говр схьа а яьстина, луьйтанна чу ког а биллина кхоссаелла т1ехиира иза.
— Х1инца цхьане г1аш дог1ур шушиъ, луьйш-олуш. Аьтту нислахь ас говр юхаерзор ю шуна.
Кхераделла шиъ меттадеана   далале, Чиллас говр д1аэккхийтира.
Шоллаг1чу дийнахь цу говрана т1аьхьа а тесна, такхийна, Поллина х1оттийнарг санна йоккха, еха экъа еара Чиллас. Иза Поллин чуртана улло охьайиллира,   накъостий   карабахь,   д1айог1а,  аьлла.
          Ядийначу говрана т1етийсинчу таьлсаш чохь, цхьадика, тапча а, алссам тапчин патарманаш а хиллера. Генна хьуьнах д1а а яахана, тапча кхоссар дикка карадерзош хан яьккхира Чиллас.
         Цул т1аьхьа милицехь берш а, салтий а лелачу некъийн терго ян юьйлира. Рахьимна а, шена ницкъбицчу салташна а т1екхачар –м  атта хирдоций шера хаьара цунна. Делахь а, сатуьйсура муьлхха  а и тайпанчу нахаца цкъа доггах т1ом боло. Шен т1улг санна андделла, дарделла дог, иштта мукъа жимма даста.

    Алссам «бандиташ» бу бохурш цу аьхка а, гуьйранна а нах х1аллакбина, майрабевллера энкеведен белхахой. Шишша-кхоккха а д1асаваха ваьхьара х1инца юьртара юьрта.
  Некъа т1ехула бог1учарна хьалахьовда аьтту боцуш, цхьана бердана буьххьехь к1ело йинера Чиллас. 1уьйранна кху новкъа д1а райцентрера юьрта энкеведен пхи-ялх белхахо ваханий хаьара цунна. Х1инца уьш бухаберза безаш бара.
  Дуккха а 1ийра Чилла тебна, юхабог1урш гучу ца бовлуш. Юьйлина, кечъйина хьалха охьайиллина яра топ а, тапча а.
  Бай т1е аркъал д1атаь1на, стигала хьалахьоьжура иза. Екхна яра стигал. Цхьа а мархийн билгало йоцуш. Иштга деса, маьрша дара х1инца Чиллин дахар а. Ша кху стигала к1ел дахарера эца йисина кхин марзо ца хиларх дог тешна дара цуьнац. Цундела дара атта а. Цундела ца бора шена сов ницкъ, цанисделлачу дахаран ойланаш еш.
«Къа-аа-ай, къа-а-ай!» — мохь аьлла, цхьа къиг хиира Чиллина уллорачу лекхачу хьехана буьххье. «Фур-р-р-р!» — резайоцуш терсира куллах д1атесна говр. Чиллина и къиг цхьа х1ума хаийта еъча санна хийтира. Иштта нис а делира. Некъаца, вовшашка цхьа х1ума дуьйцуш, г1адбахана, боьлуш схьабог1ура энке¬веден белхахой. Улло а нисбалийтина, легнаш ийзон юьйлира Чил¬ла. Махьарий аьлла, кхерабелла, д1асабаьржира берий. Чиллас ша лара маййо т1ееттара. Шиъ-м, кхунна а гуш, говрашкара лаьтта охьашершира. Терсара чевнаш хилла говраш а. Охьаэгнарш шаьш боллучу новкъахь а битина, бевдда к1елхьара бевлира накъостий.
Кхуьйссучу герзах къаьхкина, хецаяла г1ерташ хьийза шен говр схьа а яьстина, т1е а хиъна, сихха лома хьалахаьхкира Чиллас

К1отарахь ша цхьаъ 1адоккхуш 1ен кхоьруш. Давадан хьеший, доккха ши стаг долчу Гуьржийн дозане д1аяхнера Чилла
    Сингаттаме, меллаша д1адахара и 1а. Жимма Чиллийна синтем луш дерг — ша доккхачу шина стагана хьашт хилар. Шен царшинан г1уллакхаш дан аьтту хилар.
     Б1аьста Чиллин к1ант хилира.
Доккха къа хетара цунна ша латийнарг, дерриге а шен бертаза, нуьцкъала хиллашехьа а. Цундела а хеара цунна шен кху дуьненчохь еха хан йоккхийла доций, обаргалла леллол бен.
Дог ца летара Чиллин шеен берах. «Оцу боьхачу х1уманех схьаваьлла волу х1ара… эхь дацара кхунна, ша воккха хилча ,  легаш а 1аьвдина, со йийча а», — дагатосура цунна. Къа-м хетара, амма ша иза кхиор а ву, цунах къонаха а хир ву, ша цунах йоккха а юьйр ю аьлла, даго  т1е ца лоцура.
Кху 1едалан детдомаш олуш кегий бераш кхобуш меттигаш хуьлу аьлла хезнера Чиллина, ша школехь доьшуш йолуш дуьйна. К1еззиг онда а валийтина, цига иза д1авала 1алашо лаьцнера цо.
Хан д1аяларх диц ца лора гинарш, лайнарш. Доьзалхочух мокъа а яьлла, дег1е г1ора деъча, муххале ца 1алора генахь, ломахь д1а а лечкъина, ша дан дагалаьцнарш кхочуш а ца деш.
К1ант ондавала мел вуьйли, шеко оьхура зудчун дагчу: «Там бара, со кхунах ца ялалуш хьийза... Х1ан-х1а. Кхин ца кхобуш, д1авала веза шен дайшка. Лаахь - кхаба. Лаахь - вала а валийта. Сан бала бац. Волчарна дика хуур кхунах дан дезарг!»
Воккхачу стага жима ага динера Чиллин к1антана. Цу аганна чу бер а диллина, ша говра т1е а хиъна, ага шен букъа т1ехьа а дехкийтина, новкъа елира Чилла аьхкенан дийнан 1уьйранна, док¬кхачу шина стаге гергарнаш болчу хьажах1отта йоьду ша а аьлла.
Делкъал т1аьхьа д1акхечира иза Паччахьан некъ олучу бок¬кхачу пайтонин некъайисте.
      Кху гу т1ера д1ахьаьжча генна д1а гора некъ.
 Шоллал1чу дийнахь, сарахь бен гучу ца бевлира цу некъа т1ехь Чиллина оьшурш — энкеведен белхахой.
Едда яхана, некъа юккъе ага охьа а диллина, гу т1ерачу коьллашка д1алечкъира Чилла.
Аганна улло нисбелча говраш лаг1 а йина, хабарш а совцийна, д1асахьежа велира кхо накъост.
— Х1ара х1ун ду? Х1ара хьан диллина-те кхуза? — цецвелира цхьаъ.
— Бер ду цу чохь-м! — т1етуьйхира вукхо.
— Х1-е-ей! Мила ву кхузахь? Хьенан ду х1ара бер? — мохъ туьйхира хьалхаваьлла веанчо. Дуьхьал аддам а вист ца хилира.
— Д1адитийша. Вайн х1ун бала бу? Цхьа къот1алг1а дина бер
хир ду. Ша охьадиллинчо д1ахьур ду, — хьехар дира кхоаллг1ачо.
   - Иза а нийса ду, — вукху шиннах цхьаммо а аьлла, т1ех а бевлла, д1абаха буьйлира милцой. Амма гена ца бахара. Чиллин тоьпан  даьндаргаш еттаелира царна хьалха т1улган некъах а, бердах а. Говрахь берш, кхерабелла, бухабевлира.
     — Бандиташ бу! Юхадовла! — мохь туьйхира хьалхаваьлла хиллачо. 
      Кхеравеллачу кхаа милцочо шайн говраш юханехьа хьовзийра. Аганна т1ех а лилхнна, юханехьа хаьхкина боьлхура уьщ. Юха а гена ца бахара. Юха а царна хьалха - хьалха некъах а етталуш, ченаш стигала оьхуьйтуш, геригаш еттаяла юьлаелира. Юхабевлла, аганна уллохь севцира энкеведера берий.
— Х1ара бер д1ахьо боху вайга цара, — кхеравелла, мохь оьхура цхьанга.
— Д1ахьо! Оха д1ахьо шуна! Хаза дийца мегаш дац аш и т1ом а ца беш? — дегочу озаца д1акхайкхира важа.
— Схьадайша! Сан говрана т1е диллийша и бер! — меттахваьллера -кхоалг1аниг. Ага къийса даьккхира милцоша. Иза хьалхаваьлла лелачуьнга кхечира.
Герз дуьйлучу аг1ор некъайисте говрахь ага дерг а х1оттийна, шаьш цунна т1ехьа а лечкъаш, д1абуьйлабелира ц1ечу 1едалан берий. Жимма шаьш генабевлча, к1елхьара бовларх баккхийбеш, шаьш цатешачу далла баркаллаш а бохуш, д1алилхира уьш. Сихха говра а хиъна, б1аьргех 1овраш санна хиш а уьхуш, ламчу хьалайирзира обарг Чилла а.




     Солтабекаца къамеле вала лиира Ибрах1имна. Схьакхайкхина, ор улло валайра цо иза.
     - Х1у баху ахь?
     - Солтабек, соьл хьалха а хиллий кху ор чохь нах?
     - Хилла.
    - Ахь царна а хьайн юьхь гойтура?
     - Гойтура.
    - Хьайн юьхь гайтар, хьуо мила ву хаайтар, кхераме дуй ца хеа хьуна?
    - Х1унда ду кхераме?
    - Кху чуьра арабевллачу наха маца а цхьана заманчохь схьалохур ма душ у. Жоп доьхур ду шуьга а, шун нехе а. Шун коьртачара шайн яххьаш масканаш к1ел д1а ма лечкъайо, ткъа шух х1укъа хилча а царна бен – башхала а ца хетта.
     - Г1азакхий толахь, тхо схьалоьцур ду баху ахь? – хаьттира жимчу къонахчо.
     - Боху.
     - Со г1азакхех летта, лийр волуш ву. Со цул т1ехьа вахуриг а вац.
     - Г1азакхий ца беза хьуна? – хаьттира Ибрах1има. Иза жоп дела валале, т1етуьхира: - Г1азакхаша йина ма ю ас хьуна луш йолу жигули а. Вайна х1инца ворданаш ян а диц ма дела, – к1ант зуьйш вара ор чохь вверг, - цаьрца гергарло лелор санехь дац вайна, х1уманаш 1уьттуш, иза марса а ца йохуш?
     - Цара вай всеравно дойур ма ду. Царна нохчий ма ца беза, нохчийн мохк ма беза, х1ара хаза а, мехкадаьтта долуш а балу дале.
     - Иза хьан дийцина хьоьга? – хаа лира Ибрах1имна.
     - Цхьаммо а ца дийцича а гуш дац ази? Цара сан да а ма вийна стохка.
     - Иза муха нисделла?
     - Говраш лаха хьунах ваханчура ц1а ца веанера. Лаха баханчарна карайна вен а вийна, къийгаша б1аьргаш а диъна.
     - Дала гечдойла цунна. Угаре а бехк боцчу нехан коча беана – кх х1ара шайт1анан т1ом. Кхи ваша – йиша дуй хьан?
     - Ду. Ваша т1ом беш ву. И т1ом бан дагахьа вацара, я тхан дас, ша дийна хилча, вохийтург а вацара. И вийча, ет а боьхкина, автоматаш ийцира охшимма.
     Кхи хеттарш ца дира Ибрах1има.

     Боккха кхаъ хилира Ибрах1имна шоллаг1чу сарахь. Солтабека Къур1ан деара, академика Крачковскис гочдинарг. Г1адвахана, обанаш бохуш, маракъуьйлура Ибрах1има Къор1ан. Иттех шо даьллера цо иза дешаза. Цунна хеара, х1инца цу т1ехь шена дуккха а керла, инзаре х1уманаш карор дуй. Иштта хуьлу х1оразза а, хан яьлча, къур1ан юхадоьшуш.

* * *

Рахьим юьхьаца ца вевзара Чиллина. Кхид1а йолу шен 1алашо лецира цо иза вовза а, вен а.
Энкеведе чохь йолчу г1ишлонна гена йоццуш яра к1ирандийнахь базар х1утту меттиг. Цигахь ца ларвича, кхин Рахьим ларва аьтту болуш меттиг яцара.
Ломара охьа хьожайог1у буц а кхоьхьуш, суьлийн зударша санна, иза йохка х1отта дагадеара Чиллина. Т1енисбеллачу юьртахошна ша ца йовзийта, бат д1акъовллуш т1етилла суьйлийн зударийн  кортали а,  духар а оьшура.
Колхозан жа лома хьала даьккхинера цу аьхка. Цу юккъера уьстаг1а бахьа а, эшахь говр йига а эхь ца хетара : Чиллайна, уьш ерриге а 1едало нахера схьаяьхна йолу дела. Баргол а тоьхна,  буьйсанна д1алаьллинчуьра колхозан говр йигира Чиллас шоьта дийнахь. Сихха базара а йигина, йорах д1айоьхкира иза. 1аьнда яхана, шена духар нисдира.
 Аьхке д1аелира Чиллас базарахь х1умайохка х1уьтучу зударшца гергарло тасале а, цунна Рахьим вовзале а. Цкъа гира цунна говрашкахь т1ехлелхачу нахаца волчу Рахьиман юткъа, хьаърса бат. Ган ма гиннехь, гуттаренна а дагалецира.
Базарахь хохаш а, саьрамсекхаш а бухкуш хуьлу цхьа зуда энкеведехь чоьнаш д1ац1анъеш балхахь юй а хиира Чиллина. Бахьана лехира цуьнца гергарло таса. Цхьана сарахь иза цаьргахь буьйса йокхуш сецира.
— Со а йог1у хьуна горгам хьокхуш г1о дан, — ца къаръелира Чилла. Амма цу сарахь  чета тапча а лачкъийна яханчу цунна, Рахьим ца  карийра. Аьтто ца болура цул т1аьхьа а.
Аьхке гуьйренгахьа лестанчу хенахь дара иза. Хьалхо шерашкахь, шайн долахь тоъал уьстаг1ий, даьхний долчара алссам мангал хьокхура. Чохь мел верг араволий, йол д1аерзайора. Базаршкахь а, ловзаршкахь а, эрна д1асалелаш а нах ца хуьлура. Сийдоцуш а хетара мангалан хенахь мукъа 1аш волу стаг.
Х1инца и амалш юхуш ллаьттара. Мукъа нах баьржаш лаьттара, ур-аттала уггаре а сихачу мангалан хенахь а. Колхозана йол яккха нуьцкъала араваьккхича, боккхачу доьзална юккъера цхьаъ-шиъ бен ца воьдура.
Базарш д1айохо а уьйлаелира ц1ечу 1едалан ц1уьх1арш.  Цхьаммо, базара юккъе а х1оьттина, ворданна буьххье а ваьлла, мохь беттара:
— Х1е-ей, нах, ладог1ал аша  соьга массара а! Вайн колхозан хьаькхна йол ю якъа а елла, 1уьллуш, д1алахьо стаг воцуш. Колхозхой лара ца бо иза д1алахьо, ткъа щу кху базарахь д1асахьийзаш ду. Иза вайн 1едална хьалха а, вайн хьомечу партина хьалха а нийса ма дац! Цундела вай х1ара базар д1айохо еза. Массо а шен-шен ц1а а вахана, кара шаданаш, йоллехьанаш а эцна, даккъашка, лаьмнашка йол лахьо аравала веза. Же, же, нах сихо елаш! Юха-юха ма ба хийталаш шайга!
Базарара нах д1абоха сих ца лора. Цхьаберш д1аоьхура. Вуьйш т1еоьхура.
   Т1аьхьо мах беш лаьттачу зударийн мог1аршка а ваха¬на, царна т1ечийха волавелира къонаха:
- Шу стенна лаьтта ас дуьйцург шайга доцуш санна. Дуьло, д1аг1о кхузара, шайн сал-пал а эций. Ца го шуна, и нах д1а ца боьлху шу кхузахь мел лаьтта?!
Мог1аршкахь резабоцуш, г1овг1анаш евлира.
— Х1ара дуьне кхоьлличхьана дуьйнна ю к1ирандийнахь х1уьттуш базарш. Ахь х1ун де боху тхоьга, х1ай тапча? Хьо стен¬га везавеш ву тхуна? Цхьане а метте г1ур дац кхузара а девлла!— дуьхьалйирзинера къонахчунна цхьа ерстана зуда.
— Вуй! И х1ун ду аш дуьйцург? 1едална дуьхьалдовла дагахь-м дац шу? 1едало бохург ца дича, шайна х1ун хир ду ца хаьа шуна, х1ай 1овдал зударий? Сийначу Сибарех даха дог-м ца деана шун? — боккъала а цецваьлла висинера къонаха.
— Тхо тхешан берашна шай даккха г1ерташ лела. Хьан кхобур ду тхан бераш, аш тхо нуьцкъала колхозана белхех лелийча? Цхьа¬не а метте-м дера г1ур дац, ког баьккъина! - аьлларг дан ца бохкура зударий.
— Ма довла дакъаза, х1ай 1овдалш, ас х1ннцца энкеведа а вахана д1адуьйцур ма ду аш шайга бохург ца до, аьлла! Цара т1епаза дойур ма ду шу! — кхерамаш тийса волавелира къонаха.
— Хьада, вало, мотт тоха! Мидал уллур ю хьуна энкеведехь болчара. Царна, хьаха, беза дукха цхьа хьо санна мотбетташ леларш! — мохь беттара ерстинчу зудчо,
— Хьайн хьашдолчче г1о, тхо кхузара меттаха д1а-м ца довлу-кха хьуна! - оьг1азбаханера цунна уллохь мах беш лаьтташ берш а.
— Дика ду, х1ета. Хьовсур вай аш х1ун до-м, — иккхнна ваьлла, энкеведе йолчу аг1ор хьаьдира къонаха.
      Масех минот хан бен ца елира. Энкеведен кертара говрашкахь аралилхира цхьа масех къонаха. Шаыш улло кхоччушехь хьалхаваьлла веанчо нах чийхочу хьесапехь мохь туьйхира:
— Д1айохаел х1ара базар, сихонца! — Кхузара д1адовла ца элира шуьга?!!
Нах, хьалх-хьалхарнаш юьстах буьйлура. Цхьаберш д1аэха буьйлабелира.
     Махбеш лаьттачу зударшна улло вахара говрахь хьалхаваьлла веанарг:
— Д1аяха х1ара баккхалш! Яхийта кхузара, г1емаш! — говра т1ера чу шед лестош, зударшна хьалхара стоьмаш, к1олдан межаргаш, ахьар чохь т1оьрмигаш, даьтта чохь йолу кхабанаш, мехкадаьтта чохь долу шишанаш, кхийолу х1уманаш д1асакхийсса велира иза. Зударшка маьхьарий девлира.
Кхоссаделла, схьаэккха доллура Чиллин дог. Марсаваьлла хьийза, шед еттйш волу эпсар вевзира цунна. Иза Рахьим вара!
Меллаша юхаяьлла, гена йоццуш кертах тесна лаьттачу шен говрана т1е хиира Чилла.
Хьалха 1охкучу х1уманийн мог1аршна йиттина ца 1аш, зударшна т1е шед етташ воллура Рахьим. Зударийн инзаре ч1ог1а маьхьарий оьхура. Цуьнца цхьана болу накъостий а нахана т1е говраш етташ, уьш д1алоьхкуш, марсабевллера.
Зударий, берашший кхераделла, шаьш довда-маллу девдира базаран кертара. Бовда ца ларош берш маьхьарий хьоькхуш, боьлхуш хьийзара.
— Аш х1ун до, х1ай нах? Дойу аш зударий, бераш, къанбелла нах?! Собар де,   х1ай тентигаш! — мохь беттара божарша, т1ееттачу говрийн дуьрстанаш схьалеца а г1ерташ. Т1ера чу еттачу шодмаша церан коьртара куйнаш эгадора.
Дарвелла хьийзачу Рахьимна ца гора говрахь шена хьалханисъеллачу Чиллин карара тапча.
— Рахьим! Со евзий хьуна? Со Давадан йиша Чилла ю хьу-на!!! — мохь туьйхира зудчо. «Давад» боху дош хезна, ирх айина шед охьа а ца йохийтуш, цецваьлла, вог1авелира Рахьим. Бос байра цуьнан юьхьа т1ера. 1адийча санна дисира адам. «Т1ох, т1ох, т1ох-х-х!!!» - кхуза елира тапча. Шила мохь аьлла, говрара бертал лаьтта охьавуьйжира Рахьим. Чов хилла, ягийна д1акхоссаелира цуьнан говр. Нахе кхи а алсам маьхьарий девлира.
Рахьиман накъостий метта баьхкина, герзашна т1е кховдале, шен говр пурх боьдучу урамехула, 1ина йисте д1алаьллира Чиллас.
Ши бере мацца а цунна т1аьхьа велира. Цхьаъ, юьртара ша ара а ялале, вожийра Чиллас. Шоллаг1ниг чов хиллачунна  накъосталла дар бахьана а лехна, ша юха вирзира.

Юьрта лилхира марсабевлла т1емалой Давадан гергара нах схьалеца. Цу дийнахь царна караеанарг – х1етта кхиъна яьлла Давадан ши йиша – Маккий, Меданий. Баккхийбеш, машшашца д1а а йихкина, пурах, таьлсаш санна,  шайн нуьйрашна хьалха говрашна т1екхийссира цара ши йо1.
Чевнаш хилла ваьхьна Рахьим вийна моьттура царна. Шайга уьзза хьал х1оттахь а бохуш, дукха ч1ог1а дарбелла бара т1емалой. Къаьсттана марсаваьлла хьийзара цхьа Гаджи ц1е йолу Дербентера схьаваьлла комиссар. Жуьгтий зудчо соьлечунна вина, туьрмешкахула лелла цхьа боьха х1ума хилла ц1ечарех схьакхетале, бохуш вуьйцура иза вевзачара.
Гаджис кхоччуш гамо лецира шина йо1аца, цаьршинан ц1ераш Маккий, Меданий юй шена хеъча.
- Иштта ц1ераш йолу ши йо1 цкъан а хир яц советан 1едална муьт1ахь. Тховссехьа ен а йийна, цхьана бердах чу кхоссаеза и шиъ, - элира цо шена уггаре а тешаме хетачу Вартан ц1е йолчу т1емалоче, иза гуттара а бохург санна меллачуьра ваставелла ца хуьлий а хууш. Вартанан шиб1аьрг къегира. Иза леррана хьоьжура Гаджига. Цуьнан акхачу, мецачу б1аьргаша хоьттура: «Бердах кхоссале и хазалла кхоччуш д1а а ца молушший?!» Гаджис, цу б1аьргаша х1у хоьтту шера хиъна, корта ластайра.
Ши йо1 шаьшшинан говрашна т1е схьа а яьккхина, кхиберш д1абахайтира Гаджиссе Вартанайе.
Акхачу воршахь йирзина а яьккхина, къизаллех ца1ебаш,ши йо1 хьийзайора йовссарша. Цаьршиммо маьхьарш мел хьийкхи, узарш мел ден, тийжаш мел йилхи акхараллица самукъа алсамдолурацаьршинан. Шаьшшимо ницкъ бийриг долу а х1инццалц ийманех ца духуш лаьттина къонахийн латта долуш санна хетара цаьршинна, бекхам бора цу лаьттана, цу т1ерачу дина шаьшшинан йовсараллех,пасписаллех, шаьшшинан варраш, лай хиларх, шаьшшинна дуккхамо а иза т1ехдеттарах.
Тамаша бара и къизаллин сурт гобаьккхина ирахъихначу хьанаша, инзаре даккхайчу башлаьмнаша лар. Уьш меттаха ца довлар, латта дега ца дар, малхо шеен серло, йовхо ца сацор.
Амма дерриге а гуш вверг а, хууш вверг а, дерриге а д1анисдийр дерг а Дела вара. Цунна дика хеара х1унда ю дуьненчохь харцо, къизалла, акхаралла. Цунна дика хеара, вочуьнца дустуш ца хилча адамашна диканан чам а арлур буй. Цундела олуш хиллийтехь кхк махкахь шайхаша а, устазаша а, Дала шена угаре а дукхабезачарна баланаш а, г1айг1анаш а, харцонаш а алсам ло…
Ши йо1, шаьшшиъ и шиъ хьийзайна ваьлчи легаш 1ийдина йийра шина акхарочо. Такхийна, берда улло а яьхьна, цхьана ч1ожа чу кхоьссира.
«Едира и шиъ, карара а яьлла», - дийцира цаьршиммо энкеведен конторехь. Хиллачун духе кхиа цигара нохчийн т1емалой а ца г1иртира.

Ши йо1 д1айигна, бохуш юьртахь орцаш дохура. Хилларг Чиллайна а д1ахезира лома, к1отара. Цунна хиира и шиъ цара могаш – маьрша юхайоийтур йоций. Цо шеен обарган болхюха а д1аболайра.
Хьалха Рахьим вара Чиллас юьхьара лаьцнарг. Х1инца цо бен а ца вора т1ехь т1емалочун чоа мел дерг. Новкъа д1асаваха царахза цхьа а х1инца маьрша вацара. Угаре а некъ гота болу-болаче а уьйлуш, Чиллас лаг ийзадора шеен пхеазза йолучу тоьпан.
Топ нийса кхоссар, говрахь д1аэккхар, дерриге а и беречун, обарган г1уллакхаш дика каре дирзинера Чиллайна. Иза йийцар бен кхи болхца хуьлура х1инца милцойн совещанешкахь.Мел к1елонаш ярах,кара ца йог1ура обарг Чилла.
Шайца т1ом бийриг зуда ю,бохуш рапорташ дала эхь хетара знкеведан белхахошна. Цундела цара гуттара а дуьйцурш а, яздийраш а – лаьмнаш дуьзна обаргаша! Уьш х1алакба алссам ницкъ,герз,ахча оьшу…
Чиллас-м шеен болх д1акхоьхьура. Шина шарахь цо вийна, я чов йина говрара охьаваьккхинарг шовзткъа гергга стаг вара.
Луьра обарг хиллера Чиллех.
Наггахь, къайлайолий, беттанаш а довлийтура Чиллас, къаьсттана 1аьнан хенахь.

      Ворх1 шо хан елира. Лам т1ера хецаелла хьет санна шен новкъа массо х1ума а отуш, хьошуш, лазош, дуьйш схьабог1ура дуьненчохь т1ом.
      1944 шо доладеллера. Т1амо к1аддинчу адамна хетара цуьнан йист цкъа а ер йоцуш санца.
Дукха яцара лаьмнашкахь а вон данза х1усамаш. Хьалхачул а сов баланаша 1адайна, г1айг1ане дерзийнера адам. 


 
 Соьлжа-г1ала хьехархойн учили¬ще деша вахара 1абдурахьман. Иза дара цу хенахь юьртахоша уггаре лакхара лору дещар. Училище т1ехдика дешна чекх а яьккхина юьрта вухавеара иза школе балха ца оьцуш латтайра вехха. «Хьо кулакийн, молланан к1ант ву, ваьхьар вац со» - воьлхура директор.    Маца а,
      Ша вокха мел хили юха-юха а ойланаш йора 1абдурахьмана:
«Деша бахар-м иза кхеташ дара. Г1азакхийн маттахь шайна ши дош ала хууш ца хилча, шаьш дешна хиллехьара, дерриге  а кхечу аг1ор хир дара моьттуш хиллера цу пекъаршна. Деша хаарх эшалурдуйтехь амалш, хат1, бос, хабар, дерриге а х1ора шарахь алсам хуьйцуш схьадог1у Йилбаз? Т1аьхьа кхиа таро юйтехь цо лелочун, юхатоха цо керла – керла дагалоьцу харцонаш?»
       Давад вен а вийна, Чилла д1а йихкина, говра т1е а кхоьссина, д1аяьхьначу дийнахь ч1ог1а сатеснера жимачу к1анта бекхам бан. Амма хьанна? Муха? Мичара схьа ду зулам? Мила ву зуламан да? – цу хаттаршна жоп ца карадора.
      К1отарахь хиллачу доккхачу шина стеган холча х1оттаре хьаьжча, шен цхьана виссаре ладоьг1ча, дуьненчохь тоьлаш алсамъюьйлучу харцонийн  ойла йича, хетара т1е да кхин доккха вон дисина а дац, аьлла.
      «Кхи а сов деша деза ас. Ларо веза массо а х1уманан къоргене кхиа. Дерриге а ца хеа молланашна а. Молланаш бац машенаш, кеманаш, ц1ерпошташ еш берш, электричество ягош берш. Ницкъ – 1илманехь бу. 1илма 1амо деза. 1илмано бен доккхур дац къам бодашлара. Цу т1ехь нийса лоь х1ара 1едал а…» 
       Стохкий, кхушарий т1ам т1е ца буьгуш совцийнера 1абдурахьманан нийсархой. Ша д1авига бохуш,  т1аьхьаваьлла-м 1абдурахьма а ца леллера. Хаьара, ша а уллора д1авалахь, шен нана к1иранга а ер йоций. Ненан весет а ма дара 1абдурахьманан даг чуьра д1а ца долуш: Давадна улло ша д1айолла, цо дехар.
     Ши шо хьалха шайна т1ех1оьттина хилла цхьа киртиг дагаоьхура  цу юьртарчу нахана.
     Орца кхечира   ломара охьа, бандиташ бу колхозан жа д1адига г1ерташ, аьлла. Божарий а, зударий а б1е гергга стаг хьалахьаьдира лома  говр йоцург г1аш, топ йоцург шада, диг айдина. Зударий, баккхийнашший жоьланашна уллохь а севцина, божарий т1аьхьабевллера уьстаг1ий дигначарна.
     Шоллаг1чу дийнахь делкъал т1аьхьа т1екхиира царна. Т1ом болийра. Ницкъ к1езиг а хилла, бухабевлира колхозан жа лачкъийна боьлхурш.
     Цу къовсамехь 1абдурахьман а,  берриге а юьртахой а, энкеведен милцош а бара.
     Жа дига баьхкинчех цхьаъ чов а хилла   каравеара т1аьхьадаьялачу орцанна. Иза вара цхьана хенахь обарг лелла 1абдурахьманан юьртахо Сайпу. Чоже тоьпан даьндарг кхетта, вон хьал долущ, са ца тохалуш хьийзара иза ша верриге а ц1ешай, хьацаршай  вуьзна.
   Хи доьхура Сайпус, ша ворданна т1е а виллана, д1ахьош.  Милцоша иза тергал ца вора. Т1аккха Сайпус 1абдурахьмане т1е кхайкхира.
— Давад, Асвад, дешича Шайхмохьмад, берриге а кулакаш бина дакъазабаьхнарш бицбелла хьуна, к1ант? — хаьттира Сайпус халла, узаршца.
— Ца  бицбелла, - жоп делира 1абдурахьмана.
— Бицбелла. Сиха бицбелла, Х1умма а дац. Собар де аш. Дог1ур ду шуна Дала кхетам лун болу де а. Дала имане дерзадойла-кха шу.
1абдурахьмана шен коьртарчу фуражкий чохь деана, хи делира чевно кийра мерцина хьийзачу къонахчунна. Цуьнга ши-кхо къурд бен ца бойтуш, пхьарс а лаьцна, 1абдурахьман юха кхоьссира милцочо.
— Бандитах къахетта хьуна? Сахьт хьалха хьо вен топ кхийсинарг вац иза?
— Х1ун ду цигахь?  Х1ун г1овг1анаш ю аш еш ерш? — улло  кхиира говрахь цхьа эпсар. Иза вара Рахьим. Давада а, Чиллас а тапча йиттина чевнаш хиллачуьра  вирзина, гуттаренна а астаг1а а, б1аьрг боцуш а висинера иза. Х1инца наха цуьнах я  астаг1а Рахьим, я б1аьрг боцу Рахьим бен ца олура. 
— Х1ара цхьа баьхьарча вукха оцу бандитана хи мало г1ерташ — везавеш хьийзара милцо.
— Гергара-м вац хьан иза? Я безам цаьргахь алсам бу хьан?— бат гара а яьккхина, хоьттура Рахьима цабезамца.
— Леш воллучу стагана хи даларх х1ун ду? — бехкала ваханера 1абдурахьман.
— Ларлуш хилалахь, к1ант, хьан орам а дика бевза хьуна тхуна, хьо комсомоле ваьллехь а. Жима ву, аьлла витана ву хьуна хьо, бандитийн, кулакийн бенара хьо волушехьа. Суна ца лиъначул т1аьхьа, ахь ишколехь цхьана дийнахь а болх бийр бац хьуна! Ларлуш хиллахь! Жима а ахь бахьана далайтахь, ас т1епаза войур ву хьо хьайн дай а, вежарий а, йижарий а санна!— кхерамаш туьйсура Гаджиевс.
— Цу к1анте х1ун де боху ахь? Иза-м вайл массарел а хьалха орцах хьаьдда ма ву! — 1абдурахьманан г1о лецира  юьртахоша.
Энкеведаца ч1ир яцара 1абдурахьманан. Хилларг хиллачул т1аьхьа, школехь, училищехь мел доьшу а хетара дерриге а керла кхуллучу дахарца нийса дог1уш хилча санна. Т1аьхь-т1аьхьа дог тешнера шен да, дешича, кхиберш советийн классан мостаг1ий хилла хиларх. Мацца а т1аьхьа, Грознехь училищехь волуш бен ца ваьккхира 1абдурахьман комсомоле а. Ч1ог1а кхоьрура иза шен да кулак хилла ву аьлла, ша комсомолера д1аваккхарна.


Шо сов хан яра Чилла гуча ца йолуш. Наха цхьацца хабарщ дуьйцура иза цхьанна-м Суьлийчохь Болкхахь базарахь гиний, цхьана ламароче маре яханий, Маьлхийчохь лечкъина лелаш юй, бохуш. Билггала иза йолу меттиг цхьанна а ца хаьара.
    Маккий Меданий д1аяйначул т1аьхьа кхоччуш г1айг1ане йоьжна къена   нана ша цхьаъ яра 1абдурахьман Соьлжа – Г1алахь доьшуш мел лела а. Ша ялале, цкъа цо зуда ялийна де гахьара шена, аьлла бара х1инца цуьнан сатийсам.
Февраль бутт болабелла, 1аьнан чилланан шийла денош дара уьш.
    Юьрта алссам салтий баьхкира. Оьрсийн мотт а, йоза дешар а хууш берш а, коммунисташ а, комсомольцаш а д1агулбира юьртасовете.
  — Накъостий, вайн ярташка массанхьа а салтий баьхкина. Уьш баржаран 1алашо — т1еман г1уллакх 1амадар ю. Вай уьш д1асабоькъур бу кулакаш бинчу нехан йисинчу х1усамашка а, кхечунхьа а, яккхий чоьнаш йолу-йолчу, — къамел долийра юьртасоветан председатела. — Шун декхар ду цу балхах мадарра нах кхетор, цаьрга и салтий шайн доьзалш болуш санна, мерза, безаш т1еэцийтар.
  Вайн дайшкахь дуьйнна схьадог1уш долу хьаша т1еэцаран сийлахь 1адат, х1инццалцчул а ч1ог1а лардар т1едилла деза вай нахана!
  Хала зама а, меца зама а-м ю. Делахь а, салти вузор, салти вохвар, цунна вешан т1аьххьара а сискалан юьхиг д1аялар — иза вайнехан уггаре а сийлахь декхар а ду, вайн динехь ч1ог1а меле г1уллакх а ду!
 Иштта д1адийца массанхьа а эвларчу нахе.
 Ваьш меца 1ийна а, ваьшна ницкъ, хилийтина а,  салтий ледар бита йиш яц вайн. Уьш бу тахана вайн Даймохк мостаг1ех ларбийращ. Уьш бу тахана вайн къоман парг1ато, сий, яхь ларъеш берш! Цунах щу дика кхета аьлла хета суна.

     Юьртада лийна ваьлча, чохь болчара цхьатерра хьала а  г1овттуш, ч1ог1а магийра цуьнан дешнаш.


***


     Цу йовхачу сарахь хехоша ор чу г1уркхех, т1е п1ендаг1аш а доьхкуш, бина лами баайтира. Ша д1авахайта бохку, моьттуш, дог кхиссадала дуьйлира Ибрах1иман. Амма маскас иза, човхийна, лами уллора д1аваьккхира. Чувоссийра цхьа бертаза валийна, оза, лекха, хьаьрса юьхь – сибат долу къонаха. Ибрах1имна иза г1азакхечух тарвелира.
    - С новосельем! – вист хилира иза цуьнга.
    - Салам 1алайкум! – салам делира вукхо.
     - Ва1алайкум салам! – салам схьаийцира Ибрах1има. – Бехк ма биллалахь, суна хьо г1азакхечух тарвеллера.
     - Бехке х1ума дац. Охьалахвала мегар дуй? Х1оттийна со кху хунвейбиноша.
     - Дера мегар ду. – гоьна т1е, шена улло охьа хаайтира Ибрах1има хьаша.
     - Берзалой ма ю х1орш, хунвейбинаш ма бац. Халахетар ма ду д1ахезча а.
     - Оьзда х1умнаш – м яц х1орш, х1уъа елахь а, - реза вацара хьаша.
     - Сан ц1е Ибрах1им ю хьуна.
     - Хьасан ю сан ц1е.
     - Вевзаш хир ву вайшиъ – вела къежира Ибрах1им.
     - Дукха хан юй хьо кху чохь воллу?
     - Иттех де ду.
     - Х1у боху кхара хьоьга? Оппозицехь ву боху?
     - Оппозицица – м башха бала а бацара кхеран, ахча схьада, боху – кх.
     - Хьан хир ду.
     - Хьо разведкина – м ца ваайтина? – шеквелира Ибрах1им.
     - Ваайтина. Массада.
     - Тера а ву хьо, хьаьрса а волуш, - д1ахилла, гоьна т1е охьахаайтира Ибрах1има керла веанарг, аьлча а, валийнарг.
     И шиъ кхи вист ца хуьлуш, г1ехь хан елира.
     - Хьоьга х1у де боху кхара? – хаьттира Ибрах1има мацца а.
     - Бакъ дерг ма дийца, боху – кх.
     - Иза – м массаьрга а ма бохийц муьлххачу 1едало а!
     - 1едал – м мухе а дацара х1ара, бандиташ ю-кх. Бандиташ а хуьлу коьртехь хьекъал а долуш, шаьш лелораг х1у ду а хууш. Х1орш хьераевлла бандиташ ю. Отморозкаш. 
     - Хьасан… Тарамов! Вуй хьо Тарамов? – шекваьлла, хаьттира Ибрах1има.
     - Ву, - меллаша жоп делира накъоста.
     - Хьо-м сунна вевзаш ву. Ас телевизора чохь  дуккха а ладийг1ина хьоьга,  Горбачевс перестройка йолийначу хенахь. Университетехь хьоьхуш ма ву хьо, профессор а волуш.
     - Доцент ву.
     - Дера, ахь майра – м дора къамелаш. Иштта къамелаш ас дина хиллехь  со – м,  ор чу а ца кхуссуш, ирахъоьллана хир вара кхара.
     - Баркалла. Дика тешалла ду иза а сан балхе хьаьжча. Хьо ма 1абалахь…
     - Аш д1адолайра, Дудаевг1ара чекхдаьккхира. Шаьш карара д1ахоьцур хилча, дола стена дора аш? – забарна санна, 1оттар йира Ибрах1има. – Х1етахь аш къуй бу, бохуш, кхийкхайна хиллачу колхозин председателаха цхьаъ со ву хьуна. Х1инца д1ажимбинна аш къуй?
     - Суна-м ца хеара вайн нах оццул 1овдал буй а, вайн хьаькамаш оццул ч1ог1а дарж дезаш буй а. – къелхьаравала г1ертара Хьасан.
     - Со-м вац хьуна бехк буьллуш, - къежна, бертахь дерзийра Ибрах1има, - дуккха а бара х1етахь, Москвас дуьйцург цхьа дош а ду, цуьнах парг1ато а, демократии а хир моьттуш, 1ехабелла леларш. Со – м суо а тешаш воллура царех, уьш нехан, адамийн дуьхьа лела моьттуш.
     - Боккха тешнабехк хилира цуьнах, - т1етуьйхира Хьасана.
     - Хьо маца лаьцна кхара? – хаьттира Ибрах1има.
     - Бут сов хан ю. Цхьанхьа аренца подвала чохь латтош вара со кхара. Х1инца кху ор чу а кхоьссикха. Лаьмнашкахь ву вайшиъ, хетарехь. Мича районехь ву хеай хьуна?
     - Хетарехь, Шуьйта районехь ву-кх вайшиъ. И генара схьахезарг Органан татанах тера хетта суна.
     - Суна а хета иштта хир ду, аьлла. Цхьане а хехочуьнца барт бац хьан?
     - Барт бан г1ерташ – м ву со цхьахаволчуьнца. Солтабек ю цуьнан ц1е. Жима к1ант ву. Г1ехь г1иллакх леладо цо. Юург – мерг латтайо. Вайшингахь бепиг а, еттана картолаш а, 1ежаш а ду хьуна. Х1ума кхоллий ахь?
     - Дера ас бага х1ума 1оттаза кхо дей, буьйсай-м ду. – къарвелира шен балхана  Хьасан.
    - И бохург х1у ду? – цецвелира Ибрах1им. Ца лора хьуна?
     - Ца лора. Со мацалле вейта г1ертара уьш, хетарехь.
     - Х1унда бахана уьш хьуна иштта ч1ог1а оьг1аза?
     - Ас телевизора чохь дина цхьа къамел ца тайначух тера ду царна.
     - Х1ан, д1аэцал, х1ума кхаллал. Т1аьхьа дуьйцур ду ахь, еъна ваьлчахьанна.
     - Баркалла. Дела реза хилла. Ца кхаллахь, боккъала а г1елвелла со.
     Хьасан х1ума кхаьллина ваьлча, къамел юхадолийра шина йийсархочо.
     - Х1ун дийцинера ахь телевизора чухула? – хаьттира Ибрах1има.
     - Сепаратисташ жуьгташа 1ехош лелаш бу, Россехь 1едал схьадаьккхинарш жуьгте бу, Ельцин а жуьгтеша х1оттайна, церан тайниг ю, цара хьовз – хьовзайначу аг1ор хьаьвзаш, дийцинера – кх.
     - 1илманчо иштта дийцича нийса дуй ткъа?
     - Суо 1илманча а волу дела, сайна дерриге а шера хаа а хеа дела ма дийцира ас. Дерриге хоийла дац. Дерриге цхьанна а ца хеа. Амма хуьлуш дерг мичара схьа ду а, вайн сепаратисташ хьа, муха, х1унда ловзабо а ма хеа суна. Хаа-м дуккханна а хеа хир ду, амма уьш, шайна атталла, 1адда 1а. Со ца 1ало.
     - Хьайна хуург соьга дийца таро юй хьан? – хаьттира Ибрах1има, къамела дан стаг воцуш, хан яьлла, хьаьгна волчу.
     - Дерриге а ца дийцича юкъ-юкъара дийцарх дика кхетар вац хьо. Дерриге а дийца деха ду, генара волавала деза.
     - Дуьйцур дукха геннара а. Вайшиъ стенга сиха ву? Тховса ц1а ца кхачахь зудчо дов-м дийр дац хьуна? Я дан дезаш г1уллакхаш-м дац хьан? – забар йира Ибрах1има.
     - Иза а бакъ ду. Ладог1ал делахь. Со геннара волало хьуна. «Крестовые походы» олуш хезний хьуна?
     - Хезна. Деша а дешна. Барх1 – ис баь1а шо хьалха европейцаша Иерусалим а, цигара 1иса пайхамаран каш а къуьйсуш, шайн делан дакъа бусалбанашкара  схьадоккху шаьш, бохуш, дина т1емаш дуй уьш?
     - Ду. Амма нахе дерриге а ца дуьцу. Коьртаниг лачкъина латтош ду х1инццалц а. Оцу коьртачо кегийна а, кегош а ю тахханалц дуьненчуьрчу массо а адамийн истории.
     - Х1у ду и коьртаниг?
     - Доцца аьлча – деши. Ши баь1а тонн деши.
     - Ши баь1а тонн деши? Иза мичара даьлла? Суна иза дуьйцуш а, хьахош а ма ца хезна! – цецваьлла, т1евирзира Ибрах1им.
     - Ладог1ал делахь. 637 шарахь, элча д1аваьлла пхи шо даьллачул т1аьхьа халиф 1умара Иерусалимехь барт бина бусалбай, керстанай, жуьгтийн динехь болчаьрца, царна юьккъехь цкъан а цхьани тайпа къийсамаш а, девнаш а хир дац, уьш машаре, бертахь цхьана 1ийр бу, аьлла. Х1етахь дуьйна цу нахана юьккъехь цхьа а тайпа гамо йоцуш, мерза 1аш хилла уьш. Диъ баь1а шо сов хан яьлла и нах Иерусалимехь иштта бертахь 1аш болу. Амма и дерриге а дохийна цул т1аьхьа цхьана беркат доцучу Делан мостаг1аша.
     Адамийн керла истории д1айолаяларан терахь – 1095 шеран 25 ноябрь. Цу дийнахь Францин г1алахь Клермонехь, коьртачу  керстанийн килса чохь къамел дина Урбан 11 ц1е йолчу Римски Папас.
     Цу заманчохь Европа ч1ог1а къен, меца, дера нах бехаш мохк хилла, цул сов, саццаза вовшашца т1емаш беш а хилла цу акхароша. Нах байарш, къолаш дар, г1ийла – мисканаш хьийзор барам боцуш алсамдаьлла хилла. Бехкенаш чубихка а, царна та1зарш дан а ларош ца хилла мехкан элий. Цундела цу Урбана цхьа питана юьккъе даьккхина. Цо аьлла шен къамелехь, вайн делан Иисусан каш Иерусалимехь бусалбанийн карахь ду, иза схьадаккха ваханчунна Дала къиношна гечдийр ду, уьш ялсамане г1ур бу.
    Ма-дарра аьлча, Европехь бехачийн хьаг1 хилла Востокаца, х1унда аьлча, х1етахь бусалбанаш беха пачхьалкхеш ч1ог1а ехаш а, 1илма сов долуш а хилла. Дерриге а 1илма, культура, литература, хаарш, деши, дареш, фарфор, кхидолу рицкъа Востокехь хилла х1етахь, цундела иза схьадаккхар хилла мекарло кхайкхочарна дагахь.
     Шина шарахь кечамаш а бина, 1096 шарахь д1аболайна крестоносцаша, жа1арг1ерано шайн дуьххьара т1ом. И т1емаш, кест – кеста карла а дуьйлуш, 1291 шо кхаччалц, шина баь1а шарахь бина жа1арг1ерано бусалбанашца.
     Иерусалим схьаяккха ницкъ кхаьчна жа1арг1еран. Инзаре дукха ц1ий 1анийна цара цигахь, зударий а, бераш а, заь1апнаш а башха ца беш. Историкаша дийцарехь, ц1ийн 1овраш хилла урамашкахула уьдуш. Угаре а къиза хилла Ричард Львиное Сердце ц1е йолу цхьа г1ерабаьчча. Цо ша 3000 стаг вийна олуш ду.
     Иерусалим бусалбанашкара схьаяьккхинчут т1аьхьа цига «Делан каш» долчу Европера дукха паломникаш таттабелла. Уьш ларбеш, ахчанах, царна улло бевлла д1асалелаш рыцарш ц1е лелон г1аролгаш хилла.
     1118 – чу шарахь исс рыцарь, шайна коьртехь Жофрей ц1е йолу цхьа г1ерабаьчча а волуш, цу Иерусалимехь сецна. Царна хезна, Килсан барз (Храмовая гора) олучу барз бухахь инзаре дукха рицкъа ду бусалбанаша д1адиллана, аьлла. И барз ахка а аьхкина, и рицкъа дола даккхар хилла церан 1алашо.
     Рыцарех археологаш а хилла, цу гу т1ехь, килса чохь баьхна уьш итаннаш  шерашкахь. Цундела церах храмовники, тамплиеры, олу. Аьххаре а царна цу гу бухахь ши баь1а тонн деши карайна. И деши тамплиераша Европе а даьхьна, банкаш ехкина, х1урдан флот йина, даккхай латтанаш эцна, яккхай г1аланаш йоьттина. Тамплиераш Европехь угаре а баккхай хьоладай а хилла, охьахевшина. Францин а, Англин а паччахьаша цаьргара юхалург дохуш хилла ахчанаш. Цу ши баь1а тонн дешино ерриге а Европин экономика, ала мегар долуш, тамплиерин кара ерзийна. Иштта зама текхна цара 1312 шо т1екхаччалц.
     - Т1аккха х1ун хилла? – сихха хаа леара цецваьллачу Ибрах1имна.
     - Тамплиераш, цара шаьш керстанан динехь ду бохуш хиллехь а, уьш Делах тешаш ца хилла. Царна цу Иерусалимехь, гу бухахь мацах Египтехь хиллачу каббала олучу динан тептарш а керийна хилла. Цу тептарша корта хьовзийна хилла церан. Цара шайн Делан ц1е Бофамед ю, олуш хилла. Бофамед – шайт1а ду. Церан ритуалашна юьккъехь керстанийн жа1ар бехъеш, цунна т1е бехалаш кхуьйссуш, кепаш хилла. Цул сов, маьттаза мел долу х1уманаш лелош хилла божарша вовшашца, х1унда аьлча, зударий балор магийна ца хилла царна шайн йилбазан устава т1ехь.
      Маттаза мел долу х1уманаш, оргеш лелош хилла цара шайн г1аланаш чохь. Боьха нах уьш хиларан бахьана кхи цхьаъ а ду – уьш цкъан а, шайн дог1маш ц1андеш, лийчаш ца хилла. Дег1ах хи кхетча дег1ера ницкъ д1аболу моьттуш хилла царна.
     Тамплиераша лелош долу 1еса, боьха, йилбазан х1умнаш хууш хилла Европехь. Цундела Папа Римский Климент Пхиалг1ачун а, Францин паччахьан Филипп Красивый олучун а барт хилла тамплиераш х1аллак а бина, цаьргара деши схьадаккха.
    1307 шеран 13 октябрехь Францин эскаро 5000 тамплиер йийсаре лаьцна, шайца цхьана церан коьртаниг Жак де Моле а волуш. Французашца бертахь, цара санна тамплиераш х1аллакбина Италехь. Германехь а, Англехь а цаьрца бина т1ом иштта люра ца хилла, делахь а, цигахь а церан организацин болх сацийна. Доцца аьлча, 1307 шерал т1аьхьа тамплиерашна чу кхи са ца деана.
     Францин салташа тамплиерин деши лоьхуш, ерриге а пачхьалкхе кегийна, амма ца карийна. Цхьаболчарна хетарехь, и деши тамплиераша Шотландехь д1алачкъайна хилла.
     Тамплиерин корта, Жак де Мале 1314 – чу шарахь Парижехь ц1ергахь вагийна, дуккха а гулделлачу адамашна юьккъехь.
     Амма, йоккха хан ялале, тамплиерин Иерусалимера лачкъайна деанчу дешино кхи тоба кхоьллина. Цу тобанан ц1е - масоны. Масонаша дукха х1ума, символика схьаэцна тамплиерашкара, амма организацис таррин, т1еман мета, х1илланах дина шен герз. Шотландски рыцарин ложа угаре а генара схьайог1уш ю франкмасонин ложанашна юьккъехь.
     Масонин политика – дуьненчуьра хьал хийцар, ерриге пачхьалкхеш йоха а еш, церан коьртера 1едал х1аллак а деш. Иштта йина цара революцеш Францехь, Англехь, Россехь.  Сенатски майдана т1ехь, Санкт - Перербургехь 1812-чу шарахь восстании йина декабристаш берриге а масонаш хилла. 1905 – 1907 шерашкахь а, 1917 шарахь а Россехь революцеш йинарш а масонаш, церан ахча ду.
     1935 – 37 шерашкахь Сталина Москва д1а ца ц1анъйинехь, цуьнга СССР ч1аг1лур а  яцара, вай Отечественни т1амехь толам а боккхур бацара. Цундела ца веза тахана жуьгтешна Сталин. Амма вайна и дерриге а иштта ца дуьйцу, ерриге телевидении а, кхиболу хаамийн г1ирсаш а Ельцина, цуьнан жуьгтийн 1едало Березовскига, Гусинскига, кхиболчу масонашка д1абелла дела.
      Талмудизм ю Россехь д1ах1оьттинарг, социализм а, коммунизм а йоха а йина. Цу талмудизмана ч1аг1яла алссам ц1ий оьшу. Бусалбанийн а, керстанийн а ц1ий. Цундела тийсина Ельцинан йилбазан 1едало вай вовшен коча. Цуьнах ца кхета, я кхета ца леа вайн п1уп1- берзалошна дудаевг1арна.  И ма дийца, шаьш вуьйр ву хьо, боху цара соьга. Вехь со декъала хир вукха. Со догах Делах тешаш стаг ма ву, - доккха са даьккхира Хьасана.
     - Вайна чу т1ом беанарш а и талмудисташ бу-кха, вайн сепаратисташ 1еха а бина? – шена хетачунна жоп хаза лира Ибрах1имна. 
     - Угаре а хьалха вайн 1овдалла ю, цаьрга вай ваьш 1ехадайтина дела. СССР пачхьалкхехь масонийн ложанаш яцара. Уьш яхкайтинарг Горбачев ву. Мосийтта коьрта-коьртачу г1алахь, Москвахь, Ленинградехь, Самарехь, Нижни Новгородехь, Новосибирскехь… ерииге а барх1 г1алахь. Цара шайн болх д1аболийна масех шо далале СССР йохийра. Вайн нохчийн политикаш бу боху 1овдалш 1ехийра, шортта герз дитира.
     - Хьо генара волаваларехь, коьрта зен, бала – иза ахча ду, ала г1ерта-кх хьо? – хаьттира Ибрах1има.
     - Хьо нийса кхетта, - жоп иделира Хьасана.


    1944 шеран 23-чу февралан 1уьйре яра иза. Цхьаммо не1арх х1ума етташ даьккхинчу татано самаваьккхира 1абдурахьман.
Хьалаикхина, 1орачу когашца шийла ц1енкъа а хьоьшуш, яханчу нанас не1 схьайиллира.  Дуьненчо серло дикка яьржина ялаза хан яра.
   — Чохь вуй 1абдурахьман? — веанчо хаттар деш хезира к1антана…
       — Х1ун дора ахь цуьнах? — йоьхна хоьттура нанас. Веанарг вара, наха юьртахь мотт бетташ стаг ву аьлла ц1е яхана, Я1лам бохург.
        Хийла кху юьртара бехк боцуш стаг х1аллаквайтинера цо а, цуьнга террачу кхечара а, цхьаъ герз лелош вуй, важа обаргашна хьошалла дина вуй, вукхо зуькаре чу нах гулбиний, цхьана кхечо мовладехь Сталинна цхьа резавоцуш х1ума  аьллий, бохущ.
       Цу агенташа уггаре а хьалха шайн дайшкахь дуьйнна цабезам болу нах д1алецна, х1аллакбайтинера. Цул т1аьхьа юьртахь наха ц1е йокхуш,  доьналла мел долу стаг т1епаза вайийтинера.
          Г1алахь доышуш хилар бахьана долуш, висинера  1абдурахьман, жима велахь а, цара х1аллак ца веш.
— Хьан х1ун бала бу, ас цунах х1уъа дахь а? Ц1ахь вуй иза хоьттий аса-м? — Заидат д1атеттина а, чоьхьа вала дагахь, цунна т1ехула хьежа волавелира Я1лам.
— Со ву х1оккхузахь! Х1ун хилла боху ахь? — меттара хьалаиккхина, шена т1е китель ийзо велира 1абдурахьман.
— Маьждиге д1агулвеш ву пхийттара мел ваьлла боьрша стаг, цомгуш меттахь, я къаналла к1елвисина воцург. Хьоьга иза хьайна хьастаг1а кхаьчначу шина урамерачу нахе д1а а хаийте, сихха сельсо¬вете схьавола боху!
 —Стенна гулбеш бу техьа? — сахьаьвзина, хаьттира Заидата.
    — Некъаш тода   бига   вовшахтухуш   бу нах.   Ца веанчунна  могуьйтур долуш дац, — элира Я1лама, ша зуда цунах кхетийна а цхьа боккха дика болх беш санна.
— Некъаш тодар-м мелехь г1уллакх, хьаха, ду. Дикчунна-м юха г1ерта, хьаха, ца веза. Кечло хьо,   к1ант.   Нахе а   д1ахаийта. Ас х1инцца сискал а, къолдан межарг а буьллу хьуна т1оьрмига чу, — д1асахьаьвзира нана, 1орачу когаш т1е шен йоьхначу маьхьсийн буьхьигех бина ши к1арх туда а дага ца дог1уш.
Малх дикка хьалаайбала а ца ларийнера г1урано 1адийначу лаьтта т1ехула эвлара нах берриге а маьждиге д1агуллуш. Схьаваза висина стаг ву-вац хьоьжуш, б1аьрг бетташ лелара юьртада, шена уллохь цхьа эпсаррий, милцой волуш.  У-уллорчу к1отаршкара говрасалазаш а схьаэха юьйлаелира, шайна т1ехь божарий хьовха, берриге а доьзалш а болуш.
— Х1орш шайн ц1ийнаца схьа стенна балош бу? — вовшашка хеттарш дора наха. Амма уьш духе кхиа г1ертташехь, берриге а маьждигна чоьхьа бехира. Не1 д1акъевлира.
Тог1ий йолчу аг1онгахьара схьа цхьа инзаре йоккха г1овг1а елира. Цу г1овг1ано къахкийча санна, евдда яьхкинчу мархашна т1ехьа белира шийла 1аьнан малх. Маьждиган готтачу корашкахула арахьовса сихбеллачу нахана гира деррйге а ло д1аса а кхуьйсуш, басайистера схьа хахкаелла йог1у танк.
И танк маьждйган не1арна хьалха сецира, шен еха бирг1а цу не1арна т1е а хьажош.
 - «Х1ара х1ун ду?!» — цецбевлла бисира нах. Танкана т1аьххье гучубевлира тахханалц наха бузош, бохбеш, ларбеш латтийна салтий, коча тайсина автоматаш а йолуш. Цара шалха го лецира маьждигна. Хуьлуш лаьттачух ца кхеташ, боьхна хьийзара нах.   
1абдурахьман маьждигна чоьхьа болчаьрца вара. Арахьа биссина, эпсаро бох-бохург деш хьийзачарна юккъехь цхьа юртадай, мотт бетташ бу аьлла наха ц1е тиллина масех стаггий бен вацара. Йоккха хан ялале, ши эпсаррий, юьртадай, улло кхо-виъ салти а х1оттийна, маьждиган не1арех чоьхьа бевлира.
— Белхаш дан нах боцуш, эрна йовш лаьтташ аренаш ю вайн пачхьалкхехь. Къаьсттана нах оьшу Казахстанехь, юькъарчу Азехь. Цундела, т1ом чекхбаллалц вай цига д1акхалхош ду. Иштта делла приказ ду! Кху чуьра ара а даьхна, шу шай  доьзалех д1атухур ду. Шун доьзалш берриш а машенашна т1е ховшор бу. Аьлларг ца динчунна, некъаца д1авоьдуш нацкьар таь1начунна кхи дахьедар доцуш, автомат тухур ю. Х1инцачул т1аьхьа  шуьга юха-юха дуьйцуш а лелар дац! Схьадовзийтира  эпсара мохь бетташ. Оьрсийн мотт цахуучарна, юьртадас гечдора.
      Боьхна, 1адийча  санна бисира нах. Кестта церан г1овг1анаш евлира. Амма уьш кхин тергал а ца беш, чубаьхкинарш юха ара бевлира.
      Х1усамашкара нах арабаха болийра. Цхьанхьара – м, ялийна, урамашна юьккъе д1ах1иттийра т1е гата тоьхна «студебекерш» олу машенаш, т1ехь герзаха боьттина салти а болуш.
       Некъана кара х1ума эцча, машенашна т1е нах дукха ца тарлора. Цундела кхуьссуш юхаоьхуьйтура, нахера схьа а дохуш, галеш, юрг1анаш, г1айбеш.  Цкъа д1акхоьссинарг, юха схьа ца эцийта, г1айбеш, тоьпийн цамзанаш 1уьттуш, арсаш туьйсуш, эт1адора. Ерриге а эвла бохург санна д1аюьзнера г1айбанаш чуьра охьа1енначу котамийн месаша.
      1аьнан шийлачу, т1уьначу х1аваэхь маьхьарий, белхарш, ж1аьлийн уг1ар, бежнийн 1ехар, дерриге а вовшахъийнера. Цхьана божарий боцуш, боьхна хьийзачу зударшна, берашна, цомгуш, меттахь 1охкучарна ца хеара  хуьлуш лаьттарг х1ун ду, шайга х1уде боху, шаьш х1ун дан деза. Бежанаш санна д1асахьийзара уьш, салташа де бохург шаьш ца дича ца довлий а хууш, да воцуш, д1атесна юьтучу х1усамашна, бежнашна, ков-кертана 1уналла даран т1екаре хьаьнга ер а ца хууш.
         1абдурахьман1а т1аьхьа маьждиге хьаьдда йоьду Заидат схьалаьцца, машена т1е яьккхира салташа, т1е юьйхина йовха бедар йоцуш, кара эцна ахьаран цинц боцуш.
           — Со еллий бен ер яц кху кертара! Со цхьаъ бен йисина а яц кху кертахь! — шийла мохь оьхура   цхьанхьара. И зуда, айина яьхьна, Заидатана улло, машенна т1е кхоьссира. И тея г1ерташ бохкура цу машенна т1еранаш.
       — Сай-м к1ант вай т1амт1ера ц1а ван везаш. Сан-м и воцург висина цхьа а ваций! Сан-м ц1ийнада, пхи к1ант, берраш байиний кхара! — коьртара корталий белшаш т1е   охьадоьжна,   ло сана к1айбелла шен корта д1ахьулба а ца ларош, йоьлхуш, орца дохура кхечу зудчо.
       —Хьан бен ца байина? Д1ахьажал оцу хьайна уллорчу Зайдате.Цуьнан а ца висина хьуйа цхьа к1ант бен. Цхьа а ца вуьсуш, х1аллакхилларш а бу хьуна дуккха а. Ма  е  г1овг1а. Ма кхардабе нах. Д1акъовла хьайн корта. Къулх1анаш деша, цулла а Деле, устазашка, пайхамарщка кхайккха цуллле  а -хьехарш дор анаха.

Уллохь хиъна 1аш йолу Заидатна,  мара а йоьжна, тийжаш елха х1оьттира т1аккха  зуда:
         —Ас х1ун де ткъа? Бехк ма биллийша суна. Суна м елла д1а яьлча сайна атта дарий. Со-м цкъа йохийна, хьийзийна яй махкаха, лаьттах а яьккхина. Соьга кхин лалур ма бац и баланаш. Сан са-м кхачийнай, диттана, диттана…
         Т1амт1ера ша ц1а веъча, сан к1ант стенга г1ур ву? Ма шийла х1усам карор ю цунна. Аса-м дустош шинара дай и ц1а вале бохуш. Со-м цунна нускал а лехна 1аш яй. Цо-м соьга кехат даийтиний, цомгуш а ма хилалахь, са а ма гатделахь, ша х1инца кестта ц1акхочур волуш ву, вайн дозанал арахьа девлла шаьш, аьлла. Мел эсала, мел дика, мел хаза вара иза, дагавог1ий шуна сан Исма1ал? — хоьттура белшаш а егош, йоьхна хьийзачу зудчо.
     —Дера вог1у! Исма1ал хьаха, ву юьрто а дозалла дан мегар долуш. Цуьна-м накха буьззина мидалш ю даийтинчу суьрта т1ехь а. Вай-м духадог1ур дай сихха, иза ц1авале. Кхуза немцо кхачахь а бохуш, къелхьара даха дуьгуш дай вай-м, — зуда тея г1ертара нах..
    Машенна уллохь, цхьана кертахь ж1аьла летара, хуьлург хууш санна, марсадаьлла. Автомат тоьхна, и ж1аьлоа д1атедира салтечо, массо а нахана а гуш.
   «Живей! Пошевеливайтесь! Живей, кому говорю!» — мохь беттара кхечу салтечо холча х1иттина хьийзачу нахе.
   «Вай, Дела! Хаза йо1 юьссу-кха вайн. Хаза йо1а х1ун дертехьа?» — хезара, хетарехь, нус цхьанхьа-м д1асаяьлла,  маьр-йишо  хьоькху мохь.
         «Коьртаха чуханаш д1а а дастий, божалан не1 д1аеллий мукъа йитийша, лийр ду-кха и бежнаш мацалла. Къа дукха церан», —  хезара йоккхачу стеган аз. Цхьа кхин х1аьла а летачура  ца соцура, т1етт1а марсадуьйлуш. «Кхар-р-р!» — аьлла    яьллачу автоматан г1овг1а хезира юха а.  Цхьа вон ц1ог1а а аьлла,  д1атийра и ж1аьла а.
        - «Ва, Дела, ва устазаш, ма дайитийша тхо кху акхарощка!» — мехьарий деттара зударша.       
        - «Схьавала! Схьавала цунна уллора!» — йоьхзна, кхуьйкхура зуда.  Жима к1ант, воьлхзуш, т1еветталора ц1ийш оьхуш  леш лаьттачу ж1аьлина.
        - «Борза, Борза, Борза...» — кхуьйкхура к1ант воьлхущ,  са ца тохалуш.

         Аьрру куьйга борг1аллий, аьтту куьйга  котаммий т1ома к1ел а йоьллина, царна урс хьакхийта боьрша стаг лоьхуш лелара цхьа йоккха стаг. Эххара а, дийна ж1аьла халахеташ, воьлхуй хьийза¬чу к1антана т1е яхара иза.
— Х1ей, к1ант, урс хьакхахьа сан кхарна. Новкъаяккха  кхин цхьа а юург яц-кха бабин. Х1орш кхехко мукъа ларор яцара-техьа?
Воьлхучу к1анта йоккхачу стаге ла ца дуг1ура. Иза дера хьоьжура нахана т1е мохь бетташ, т1ечийхаш хьийзачу салтичуьнга. Цхьаммо а кхузахь ша тергал ца йича, йолаелла, урамехула д1а йоьдура йоккхастаг, хетарехь, кхечунхьа боьршастаг лаха. Амма иза гена д1а ца яхийтира дехьо лаьттачу машенна уллорчу салтичо. Пхьарс а лаьцна, юхакхоьссина, машенна т1е хьалаозаяйтира цу т1ехь бохкучу нахе.
 -  Сихо е! Леле довла! Сихо е хьаьнга боху ас? – мохь беттара салтечо.
     Борг1ал, карара хецаелла, едда юьстах а иккхина, кхайкха х1оьттира.  Йоккхачу стеган б1аьргех хиш оьхура  цуьнга а хьоьжуш:
— Со юхаерззалц кху ц1ахь мукъа 1елахь, Къукъу, карара-м ели хьо сан! — д1акхойкхура иза цуьнга, декъаза ела а къежаш.
Мохь  бетташ, дов эккхийтина йог1ура лакхара чу цхьа зуда:
— Леле довла х1ай! Х1ара машенаш-м т1амт1ера схьа а яьхна, ялийна яй! Шуьга хьажош латто йиш яций! Маьхьарш а ца хьоькхуш, акхароша санна, шайга бохург де! Дохадахь, дигахь, бакъ дуьгу-кх вай. Аш стохка колхозана кхиийна хьаьжк1аш, х1инццалц шаьш урдошкахь кхиийначех тера ярий? Дагалаца шайна  аш со шайн уьйт1а эхийтар, шен хеннахь колхозана балха дахка вовшах ца кхеташ! Д1алаца шайна х1инца!
И мохь бетташ йог1ург колхозан бригадир, партехь йолу большевик Зайдаш яра. Салтичунна т1е яхана, лаьмнаш долчу аг1ор куьг а хьежош цхьаъ-м дуьйцура цо. Вукхо иза башха тергал а ца йира.

Сихха цхьахайолчу машенна т1е ца хууш, салташна г1о до ша бохуш, д1асахьийзара Зайдаш, нахаца девнаш дохуш. Хетарехь, цунна моьттура нах новкъабаьхначул т1аьхьа, салташа ша шайца д1аюьгур ю.
— Зуда, хьо стенна хьийза д1аса? Т1ехаа цхьаха йолчу машен¬на! — т1ечевхира цунна цхьа эпсар. Реза йоцуш, цунна цхьа г1ур-г1урш а дина, ша ц1ахь д1адиллина галий схьаэца яхара иза. Машенаш-м ма йотталу, йоьтина яра.
— Д1асата1а, х1ай нах — т1ечийхара Зайдаш, шена а шен галийна а меттиг яккха г1ерташ. Наха иза тергал ца йора.
— Т1ехаий яла чехкка! — букъах автоматан юьхьиг 1оьттира цунна салтечо.
— Ой! Со муха хуу?! Д1ахила бехьа и нах! - йоьхна, хьийзара Зайдаш. Салтичо цуьнан гира галий, оззийна схьадаьккхира. Урс хьаькхна, дат1а а дина, цу чуьра кхоьш, картолаш, дама, лайт1ехула даржийна д1адахийтира.    
— Вай! Зайдаш! Хьо яц иза? Хьо а ю тхоьца? — Мохь туьйхира машенна т1ера чу мацах цуьнца довдаьлла хиллачу Саиба¬та. — Яло, хелхаяла х1инца! Кулакаш а, молланаш а бац хьуна хьан ког 1иттабала! Хелха шарша хьайн когаш к1ел 1уьллучу ялтийна т1ехула! Х1окху дикачу балхе сатийсинерий ахь? Тхоьца ма йола хьо. Хьо тхоьха а яц. Салташца йола. Я къанъелла хьо? Ца оьшу хьо х1инца салташна а?
— Д1асовца, зударий! Ма етта и баганаш! Хьалаялийта и зуда кху машенна т1е, — вистхилира цхьа 1аьржа маж йолу воккха-стаг. — Дала ша лелор ю шен кхел. Делехь ду дерриге а.
       - Делехъ-м дара иза, — ойла а йина элира цунна уллохь 1ачу къоьжа маж йолчу воккхачу стага. — Дукха т1ех собаре ву-кха Дела а, и лаьмнаш санна.
        Дукхахболчеран дегнаш маьждиг долчу аг1онгахьа д1акхевддинчахь дисинера. Уггаре а ч1ог1а царна хаа лууш дерг: х1ун хир ду цу чубоьхкинчу божарех? Хабар-м даьржира, уьш шайн доьзалех, гергарчарах схьатухур болуш бу, аьлла. Амма зударшна иза бакъ ца хетара. Вовшех хадар — иза дара нахана уггаре а 1еткъаш дерг, махкаха дахарал а, халонаш лан дезарал а.
Маьждига чохь бохкурш-м вовшашца дагабийла х1иттира.
«Кху чуьра арадовллушехьа т1едеттадала деза салташша! Герз схьадаккха деза цаьргара!» — олура цхьаммо.    «Эвлаюккъехь т1ом болабахь, зударий, бераш, бехке мел боцурш а лазор бу. Юьртал арахьа г1овтта дезар ду вайн!» — шена хетарг дуьйцура вукхо.
«Цунах г1уллакх хир дац. Гой шуна, уьш мел дукха бу? Цаьргахь герз ду. Вайгахь вешан куьйгаш бен х1умма а яц. Эрна ц1ий 1анор ду вай. Сов баларш хир ду. Вешан доьзалшна а бала бийр бу вай. Цулла а, кхара боххург а дина, къарделча тоьла вайна»,— дуьйцура цхьана кхечо.      
      Барт ца хуьлура нехан. Х1ара хуьлуш лаьттарг цхьа доккха г1алат а хеташ, и г1алат батте, шаре ца долуш д1анислург хиларх тешна берш алсам бара. Доггах тешара уьш шайна т1ехь долчу 1едало, Сталина харцо йолу х1ума лелориг цахиларх.
Кхин цхьа х1ума а дара. Ши шо хьалха, ша массо а ярташкара боьрша нах вовшах а тухуш, партизанийн отрядаш ю бохуш билгалонаш йинера 1едало. Цу отрядашна д1аязлучу хенахь массара а шайн ц1ахь долу герз шайца схьа а эцнера, иза д1а  а яздайтинера. Кестта цу тайпа кхоьлдина партйзанийн отрядаш д1асахийцира, кху лаьтта т1е мостаг1чун — фашистан лар яьлла ца хилча муххале а. Амма массаьргара а шайн долахь хилла герз д1алахьийнера, т1амна оышу, аьлла. Хетарехь, х1ара нах ц1ерабахар х1етахь дуьйна  дагалаьцна х1ума хийлера.
Цхьа а тайпа аьтту, дан амал доцуш х1ума дара кху дийнахь ламарошна т1е 1оттаделларг. Маьждига чохь бохкучара а сатеснера шайн доьзалех д1акхета. Гуш лаьтташехь, уьш дакъазабовларх кхераро дицдинера дерриге а кхидерш.
Масех къонаха-м илла а, билла а кху чуьра араволлушехь цкъа цу салтех таса ца велча 1ен воллуш вацара.
Цхьана хенахь маьждиган не1 д1а а йиллина, цхьацца воккхуш, арабаха болийра нах. Берраш арабаьхначул т1аьхьа маьждига чохь ламазаш деш сецира пхиъ жимастаг. Чу а къедда, эпсара цхьа дера  мохь хьаькхира:
— Хьалаг1овтта цу лаьттара! Арадовла кху чуьра, ас шайна тоьпаш тохийтале!
Ламаз деш берш юкъах ца бовлура. Иза цара вовшашца бина барт хиллера. Эпсара маьждиг чу лаьллира кхоъ салти. Уьш чоьхьа а бевлла, шайна улло богг1ушехь, т1****табеллачу кегийчу наха цаьр¬гара автоматаш схьаехира. Арахь болчара экхийтинчу г1овг1ано эпсар массанхьа а хуьлуш   лаьттачун   терго ян ца ларавойтура.
     Герз шайн мара ма кхаьччинехь, пхи къонаха маьждиган мом¬сарна чу а иккхина, д1алечкъира. Кхеравеллачу эпсара омра дира маьждига чуьра арабаъхна нах берраш а маьждиган пенан бахаллийца яххьаш пенехьа а йолуш, д1ах1иттабе, аьлла. Голаьцна салтий дукха бара. Церан карахделира и омра кхочушда.
Маьждигна чу лаьхкира ткъех салти, момсарна чу левчкъинарш арабаха, аьлла. Амма цу чукъада аьтту болуш дацана. Д1алевчкъинчара т1ера чу автомат тухий, юхавоккхура.
— Арадовла цу чуьра! Бертахь карадаг1ахь, дийна дуьсур ду шу, цадаг1ахь даха дог дац шун! — мохь хьоькхура арахь лаьттачу эпсара. Чохь болчарна-м хаьара шаьш х1ета а, вета а даьхна девллий. Дийна а долуш, юьртара ара ца довла Делах биъна дуй бара кегийчу нехан.
Цара амал йохийна хьийзара эпсарш. Уьш цу, чохь а болуш, кхиболу нах арабахарна т1еберза аьтту ца хуьлура церан.
Кестта урамашкара, т1ехь боьттина нах а болуш, эвлакккъе схьаэха юьйлира студебекерш. Цу т1ера доьзалш хьийна бу а хьовсий, т1е бохуьйтура цхьацца-шйшша божарий. Дукхахболу доьзалш т1еван цхьа а боьрша стаг воцуш бара, уьш т1амт1ехь хиларна.
Цхьацца йолу, машенаш юьртара арайийла евлира.
Момсарна чохь болчаьрга арадовла бохуш, дукха ца дийцира салташа. Эпсара омра дира танка чохь волчуьнга тохий, йохае и момсар, аьлла. Хьажийна, буха йоккха топ тоьхна, 1уьрг эккхийтира танка. Юха а шозза-кхузза тоьхна, и 1уьрг стаг чекхваллал  шордира. :
— Т1аьххьара боху шуьга, арадовла цу чуьра! — мохь туьйхира эпсара. Амма вукхара т1ера чу а, 1уьргах ара а автомат етта йолийра. Эпсар, салтий д1алевчкъйра, масех стагна чевнаш а хуьлуш.
Масех меттехь 1уьргаш лелхийтира танка момсарна. Арахьашха т1е баха бахьа а ца баьхьна, маьждигна чоьхьашхула бахана, момсаран бухе минаш яхка х1иттира салтий. Т1аьххьара машенаш юьртара араевлла йовлаза яра, салташа маьждиган момсар оьккхуьйтуш. Хаьрцина, атаелла  д1аяхара момсар, шена бухахь юьртаха вала ца лиъна пхи къонаха а вуьсуш.


***

 Кхозлаг1а де дара бежнаш лелочу боьхачу вагонашна чу боьттина нах цхьанхьа-м д1абуьгу. Мича? Х1унда? - цхьанне а ца хаьара. Станцешкахьа, маь1 – маь1Хе¬тара, цкъа а д1акхочур а юй-техьа х1ара ц1ерпошт? Цхьа а дийна вуьсур а вуй-техьа, х1ара ша кхочучу д1акхаъчна яьлча?
      Вагонаш ца кхочуш, шина дийнахь-буса Соьлжа-Г1алахь эрна арахь, шийлачу 1аьнан мохехь латтийнера цхьаболу нах. Цул т1аьхьа бежнаш сана, нуьцкъала вагонашна чу боьттича, тиф цамгар яьржинера. Юучуьнца, сада1арца, ц1анонан г1уллакхца цхьа а тайпа аьтту бацара.
1абдурахьман а, Заидат а ший а цомгуш хиллера. Новкъа девллачу шоллаг1чу дийнахь дуьйна ч1аг1ъелла, харцлуьйш, ерриге а хьацарх ешаш охьайоьжнера Заидат. Цунна щен хьалхалера лазарш а гучудевллера, Кхоалг1ачу буса иза д1акхелхира.
Велла хаавеллачун дакъа вагона чуьра охьа а доккхий, лай юккъе дуллура салташа. Цаьрга иза ца дайта  г1ерташ, вагонан цхьана соне охьа а йиллина, цунна уллора д1а ца волуш, б1аьргаш хих а дуьзна, вог1ура 1абдурахьман, доьлхучу д1акхаьчна девлча, иза бусалба динехь каш а даьккхина, лаьтта д1айолла, дагахь. Амма цунна шех кхетта цамгар а х1ора сахьтехь ч1аг1луш лаьттара. Тахана, пхоьалг1ачу дийнахь, иза ша а т1етаь1начу цамгаро кхетамха вохуш, харцле вуьйлира.
Вагонаш чуьра декъий совдийла доьлча, хетарехь, церпошташ ялош бог1учара станцешка хаам бинчух тера дара, шаьш совцур долу-долучохь и декъий чукхийсса цхьа яккхий яьшканийн тайпанаш е, аьлла. Бухахь и яьшканаш карийча, салташа цу чу кхуьйссура х1инца декъий.
Цу буса салташа айвина 1абдурахьман цу яьшкий чу кхосса хьош, цхьаммо а ца элира иза дийна ву, ма хьо. Царна хаа а ца хаьара цунна чохь са дуй. Иза кхетамчохь вацара.   
Сахуьлуш доллура 1абдурахьман кхетамчу вог1уш.
Цхьа тамашийна тийналла яра х1оьттина. 1абдурахьманна юьхьанца моттаделира ша ч1огг1а набарш а кхетта 1охкучу нахана юкъахь ву. Хала дара ха харца.
...Мацца а кхийтира 1абдурахьман шена уллохь д1атевжина нах дийна боций. Делахь а, цамгаро к1орггера ойла ян кхетам ца битинера. Хетара: «ванах, х1ара вагон ма жимьелла. Х1ара ма дукха лаьтта, д1а ца йоьдуш. Кхузахь ма тийна ду...»
Серлаелира. Де дацара 1абдурахьманан хьалаг1аьттана, кху чуьра охьавосса. «Нана, нана, нана-а» меллаша алалора цуьнга, шена уллохь 1уьллучу адаман юьхьсурт девзаш, амма нана йист ца хуьлура. Кхетам бацара 1абдурахьманан иза дийна йоций хаа. Иза дикахо а дара. Кхетам сирла хиллехь а и дерриге а лан халахо а хир дара.
Делкъал т1аьхьа баьхкира яьшкийна улло салтийн цхьа деха чоа дуьйхина мекхаш долу стаг а, кхо-йиъ зуда а. Мекхаш долчу стагехь юьхь лаьцна ялош говр яра, т1аьхьа тесна салаз а йолуш. Цхьацца схьа а оьцуш, салазна т1едотта долийра декъий. Цхьам¬мо г1ийла узарш дора...
  Гуттаренна а даг чу йижира 1абдурахьманна цхьа готта чо, цхьана маь11ехь, аьчган пеша т1ехь 1аьржа чайник. Цу т1ехула пенаца д1асатесначу т1ергана т1ехь кхозу йиттина цхьацца т1уьйлигаш.
       Х1усамнана ц1ахь хилча, ц1енна юьккъехула д1а оьллинчу мокхачу шашуна т1ехьа цхьа татанаш, я набаран хар хуьлура. Ц1ахь ца хилча, тийналла х1утура чохь.
Цу дийнахь 1абдурахьман а, Мария а вовшийн б1аьргаш чу хьаьжира. Мариян б1аьргех хиш девлира. Цо цхьаъ хоьттура, г1ийла ела а къежаш. 1абдурахьманна ца хезара. Цамгаран ч1аг1алло къораволийнера иза. К1анта шеен нана хоьттура.  Мария цо бохучах ца кхетара, б1аьргех девлла хиш д1а а хьоькхуш, корта лестабора.
Аьчга некъа т1ехь балхахь яра Мария. Дег1ана зоьртала, шовзткъей итт шо гергга хан хир йолуш, г1еметта х1оьттина стаг яра иза. Гуттара а цхьа 1аьржа тужурка санна х1ума хуьлура цунна т1ехь, чохь йолуш —хьалха нодарчий д1айохий, араяьлла д1айоьдуш — массо а нодарчий д1аюхкий. Ши т1ам тужуркийна чу а бохуийтий, та1ийна коьртах а, логах а хьарчадой хуьлура цхьа мокха, берриге а т1ера чо хьаша а белла, нохчаша бой олу гезарийн пух1ах дина йовлакх.
1абдурахьманан маьинганна улло х1отийначу г1анта т1ехъ, кхехка а йина, кеда чу йилина яра масех картол. Улло дехкина баьпкан цастарш. 1абдурахьманна гора уьш, т1етесначу к1айчу бехчалгана к1елхьара схьа къедаш.
Цхьа молханаш мийлайора зудчо цомгущ 1уьллучунна.  Т1е довха хи а маладеш.
Зудчо гуттара а юучунна т1е п1елг а хьежош, цхьаъ-м дуьйцура.   
Жим-жима метта ван вуьйлира 1абдурахьман. Х1ума хаза а дуьйлира, юург а кхоллура, ара-чу вала а г1оьртара.
Мичхьа бу? Стенгга бигна нохчий? Мича даьхьна ненан да¬къа? — иза дара гуттара а цунйа хаа луург.
— Уьш генна д1а бигна. Вай Гурьевхь ду, - дуьйцура Марияс. - Хьуна х1инццехь цига да¬ваха мегар дац. Лечкъина, ведда хилларг вийр ву хьох цара. Кху¬захь жимма саца, лаахь, болх а беш, хьайн кехаташ д1анисдаллалц. Т1аккха т1ег1ур ву хьо, уьш мичхьа бу а хьаьжна, бакъо а яьккхина.
Г1олий хилла вяьлча, 1абдурахьман цхьана вагона чу ваьккхира. Цу чохь кхин а вара варх1-барх1 стаг. Уьш берриш а ц1ерпоштан некъа т1ехь балхахь бара.
Цхьа оьг1азе, дера хьуьйсура уьш 1абдурахьмане. Къаьсттина дера вара цхьаъ, Жорж ц1е ерг. 1уьйранна лийча х1уттура иза, г1одаюккъелц шена т1ера коч д1а а йоккхий. 1абдурахьман юьхьанца цецаваьллера цуьнан дег1а т1аьхь долчех: берзина бевлла зударий, ч1ерийн цIерганаш а долуш;  йозанаш, жаIарш, х1урдакеманаш... цу дег1а т1ехь доцуш цхьа а сурт дан а дацара.
     - Эй! Яла йоллу бандит! Хи дал сихха! — мохь туьйхира Жор¬жа 1абдурахьмане цхьана Iуьйранна, къегина кхеттачу малхехь чIечкъа а ч1ечкъаш, иза вагон чуьра араволуш лаьтташ. 1абдурахьманна цо бохург дан дораха хийтира. Кхерам бацара цуьнан даг чохь. ДегIехь г1ора а дацара.
— Стенна лаьтта, фашистийн сволочь? Фашисташна-м кхехьна хир  ду ахь и хи, цара хьайга иза аларх а ца тешаш. Хи да бохий аса-м хьоьга! — ластийна, 1абдурахьманан гайх деса ведар туьйхира Жоржа.
Шена тIехь лелош йолу харцо, йийна нана, бохийна доьзал, и дерриге а динарг и верзина лаьтта онда стаг волуш санна хетаделира цу минотехь 1абдурахьманна. Вагонан чкъургана уллохь 1уьллура цхьа еха г1аж йолу йоккха ж1ов. Иза схьалехира 1абдурахьманан б1аьргаша. Жорж кхийтира, шена чохь са а долуш, 1абдурахьмана ша бохург дийриг цахйларх.
1абдурахьманан гайх а кхетта, юха хахкаделла ведар ламийна уллохь 1уьллура.
— Собар де ахь цкъа, бусалбанийн фашист. Ас йийр ю хьуна хьан болх-м. Ас лоцур ву хьо, — ведар схьа а эцла, ша вахара иза хи эца. 1абдурбхьманна юххехула т1ехволуш, цунах д1ахьакхавала а ца х1оьттира.
Аьчканекъан шпалаш яра вагонашна т1еюттуш. 1абдурахьман шен г1ора ма-дду тийсалора, накъосташа дечунна т1аьхьа ца виса г1ерташ.
Цхьаъ вара 1абдурахьманах жимма къахеташ. Сийна ши б1аьрг а, хьаьрса мекхаш а долуш, воккхо-о стаг. Дядя Володя олура цу¬нах кегийчара.
Цу дийнахь 1абдурахьмана хаьттира Володега, декъий чохь долу яьшка  мича яьхьира т1ехь? Володяс ца хаьа шена, хоттур ду ша, т1аккха дуьцур ду, элира.
Цхьана акха коьллаш евллачу боьрана т1ехьа, хорша хьажийра Володяс 1абдурахьман шоллаг1чу дийнахь, цигахь бу д1абоьхкинарш, аьлла.
Диг а эцна, Володяс гайтинчу д1авахара к1ант. Гонахара ло датийна, уллора г1орийна латта т1е а керчирна, цхьа гу бара хоршахь. 1абдурахьманна т1е ма кхаьччинехь кхийтира, дукха хан йоццуш шеца цхьана яьшки чохь 1ихкина хилла махкахой кху гуна к1ел буй. Царна юкъахь — шен нана а...
Б1аьстенан хиш ма хьаьлххинехьа, д1ахьур болуш бара и гу. Цхьаццанхьара  декъийн меженаш а яра гучукъедаш. 1абдурахьманан ойла юьйхира, ша х1ун дан деза ца хууш. Мохь беттарх а, вала вожарх а, орцах вала стаг вац, аьлла, хетара.
Вонаша 1овжийна, чахчийна, кийрахь хьарчийна, анддина дог ц1еххьашха дастаделира, кху шийлачу, акхачу борза к1ел хьерчаш шен эсалчу ненан жима белшаш, хебаршка яхана юьхь, пешахь сискалаш еттина куьйгаш, и хьоме, цхьаъ бен доцу, кхин цкъа а кху дуьненчохь хин а доцу амат дага деъча. Дагадеара цо шега ворх1 шо хьалха Давадна улло д1айоллахьара ша аьлла дина хил¬ла весет.
Лахвелла, голаш т1е охьавахара 1абдурахьман. Т1уьначу лаьтта охьавуьйжира, корта борзах д1а а г1ортош. Белшаш егон юьйлира. Шийлачу, мокхачу аренгахула хьоькхучу дерачу мохах д1аийра тийжаш воьлхучу къонахчун г1ийла узарш: «Стенна? Х1унда? Мича бахьанина? Мича бехкана? Х1ун къинош летийна хилла? Х1ун дина 1едална цатовш дерг?!!»
Шийла, оьг1азе хьоькхучу мохо жоп ца дохьура. Кху яьссачу аренах тарра дара цадевзачу адамийн б1аьргаш а. Цхьанггара а хезаш жоп дацара. 1абдурахьманна ца  хаьара, ша кхузахь мел 1ийна. Голаш т1ера хеча, тишачу кителан пхьаьрсаш т1уьначу латто т1адийнера. Меллаша хьалаайвелла, кондаргашна юккъе а вахана, цхьа дечиг яьккхира цо. Дагарца цунна т1ера чкъор д1а а даьккхина, цхьа юьхьиг ц1ан а йина, чуртана юьйг1ира. До1а дира. Ламаз а дира, кошан борзана т1е а вирзина. Къилба аг1о мичхьа ю ца хаьара. Стигла кхоьлана яра.
Лом, я газа а эцна юха а веана, барз стам а беш, хи д1адерзийта харш а доккхуш, х1ума дер ша, аьлла, ойла йира цо ша цу уллора д1авоьдуш.
Ши де делира 1абдурахьманаи кхуза юха ван аьтту ца болуш. Балхахь цхьана болу накъостий хьалха санна дера хьуьйсура. Кошан барз дикка то а бина, малхбалехьа оьхучу  эшалонашха цхьахайолчунна т1е а тасавелла, вада ойла хилира цуь¬нан.
Ломмий, беллий эцна, борзана улло веара    1абдурахьман   цу сарахь, 1адийча санна висира! Дукха ирча сурт дара дуьхьал х1оьттинарг. Мохь беттарх, кхийкхарх орцах хьада адам а дацара. Ша цхьаъ вара 1абдурахьман ж1алеша, я берзалоша   д1асатекхийна,  деринчу, цистинчу декъашна уллохь..
1абдурахьмана ойла йора:  со а вац х1арра: цистина, верана, хьаьшна, чохь са хилар бен башхалла йоцуш? — Цунна хетарг бакъдеш санна лерехь шокьеттара шийлачу мохо. Ша х1ун дер ца хууш, воьхна лааттара к1ант.
         1абдурахьман юьстаха волчах хаавеллера Жоржана. «Аьтту баьллачохь вуьйра ву аса и бандит» — ч1аг1ъеллера цуьнан ойла.
        Д1асахьаьжна, ша цхьанна а ца гой а хиъна, к1антана т1аьхьа вахара иза.
Евллачу кондаргашна юккъехула д1авахана, горвахана 1уьллучу 1абдурахьманна т1е1оттавелира иза.
1абдурахьман меттаххьовш вацара. Жорж т1ехь лаьттира, иза х1ун деш ву ца хууш.
Жорж т1амт1ехь кхузза кантузи а хилла заь1ап лерина, ц1аванйтина х1ордахо вара. Дуьненчуьра дерриге а адамаш шина декъе декъаделлера цунна: советскинаш, фашисташ. Доггах тешна вара иза Кавказера бохийна ара мел баьхнарш фашисташ хиларх. Цунна хоийла а дацара немцойн эскарша Нохч-Г1алг1айчоь цкъа а д1аяьккхина, оккупаци йина ца хиллий а, нохчаша а, г1алг1аша а цкъа а немцошкахьа а бевлла, т1ом бина ца хиллий а, уьш кхи  долу къаьмнаш санна, шайн доггах советийн эскар толийта г1ерташ, г1ора мадду леташ а, къахьоьгуш а хиллий а. Хоийла дацара т1амт1ехь байинчу к1ентийн наной х1умма а Нохч-Г1алг1айчохь а к1езиг ца билхиний, Россехарчу, Украинерачу, Эрмалой чуьрачу нанойл.
Бохийна, дакъазабаьхна хьийзочу нахах ша цхьаъ вийча а т1ом чекхбаларан сихо хир ю моъттура Жоржана. Уггаре а декъазаниг дара иштта моьттуш верг цхьа Жорж хилла 1аш цахилар. Т1амо айпе динера адам,  адамийн синош.
Т1ехьашхула т1екхетта, охьа а виллина, 1абдурахьманан легаш 1ийда вуьйлира Жорж. Юхахьажавеллачу к1ентан аьтту хилира иза вовза. Х1инцца, кху сохьта ваха ца лууш, валарна т1ейирзина хилла ойланаш къаьхкина, т1ап аьлла д1аяйра. Дерриге дег1 а цхьа пха санна дуладелла, дуьхьалтасавелира 1абдурахьман. Карара велира нарт санна ондачу къонахчунна.
Цкъа вада дог хилира к1ентан. Амма б1аьрг кхийтира бохийначу борзаюккъера д1асаийзийна, меттахадаьхначу декъех. Уьш иштта а дитина водийла дацара, царна уллохь ша вейтар сийлахь дара, водучул.
— Веза Дела! Аьтту белахь са! — шашах аладелира 1абдурахьмане. Катуьйхира лаьттахь 1уьллучу белах. 1абдурахьмана мохь хьаьнга бетта ца хууш, д1асахьаьжира Жорж. Цуънан б1аьрг сецира борзаюккъера д1асаийзийначу декъашна т1ехь. Воьхна, кхеравелла висира. Иза тоьира 1абдурахьманна. Шен г1ора мад¬ду ластийна, саболчу аг1ор бел туьйхира цо т1ера куй охьабоьжна, 1орабаьллачу Жоржан шерачу, берстанчу коьртах. Ц1ин 1овраш хьаьлхира. Шина куьйга корта а лаьцна, старо санна боьха мохь аьлла, д1асахьаьвзира Жорж. Т1аккха галгал ваьлла, лаьттах кхийтира.
К1еззиг сапарг1ат делира 1абдурахьманан. Ша цу къонахчунна бинарг кху цистина 1охкучу дектех бекхам болуш санна хийтира.
         Цу минотехь 1абдурахьманан коьрто схьалаьцнарг цхьаъ дара: ца дадели-кха шега ненан цхьа весет кхочущ: елча, Давадна уллохь ша лехначу метте д1айоллар. Х1инца, бохийначу борзана уллохь акхароший, ж1аьлеший д1асаийзийна цуънан меженаш а йитина д1авоьдийла-м данне а дацара.
Белаца боккха к1аг а баьккхина, д1айоьллира цо шен нана. Го баьккхина латтанаш дохуш, д1акъевлира нах чу кхийссина боккха барз а. Уьш берриге а д1абохка ницкъ бацара цуьнгахь.
Чухула юьйхина коч эт1ийна, д1абихкира узарш деш 1уьллучу Жоржан корта. Къахьийгира иза цигахь ца вуьтуш, стайце улло, нах леллаче д1атакхо г1ерташ.
Буьйсанна юккъехь еанчу  поездан цхьана вагонах а тасавелла, д1авайра малхбале аг1орхьарчу бодашлахь.



    Тамплиерин ахча ч1ог1а лехна х1етахь Европин пачхьалкхенийн куьйгалхоша, - дуьйцура  Хьасана, - и лоьхуш цара массо а дуьненан маь1иг теллина, Африкера Канаде кхаччалц. Аммам деши т1епаза дайна. Гарехь, иза х1урдан кеманпашцуа цхьанхъьа къайладаьккхина цара, бохуш яздо. Тамплиерин угаре а ч1ог1а х1урдан флот ма хилла х1етахь, 1аьрбийн лечкъийна схьадеанчу кехаташца, картанашца кхоьллина.
     1илманчаша а, таллархоша а яздарехь, цу тамплиерин буха т1ехь кхоллаелла кхи къайлаха тоба – масонаш. 
      Иштта эзаршеран к1оргера схьабог1уш бу церан орам. Дуьненчохь мел хуьлучу революцин, бохамицйн декъашхой бу уьш. Ойла мел, х1унда к1аргбелла Кавказан т1ом Ермолов кху лаьтта т1е кхаьчча? Ермолов массарна а хууш масон хилла, декабристашцуа шеен э1е а йолуш. Цуьнан фамилии а ма ю «ермолка» - жуьгтийн куй – бохучу т1ера. Россий Кавказе гуттаренна а эг1о, бусалбанашше керстанашше массо а заманна вовшашца мостаг1аллехь хилайта, бина цуо кхузахь т1ом оццул къиза. Нохчий гуттара а хилла шайца буьйцучу оьздачу матах кхеташ а, тешаш а. Шайга хаза мотт бийцича шайн са а д1алукр долуш хилла нохчий гуттара а. Амма масонашна кхузахь безарг барт бац, я эхь-ийман а дац. Царна оьрсашай, нохчашай вовшен байина, кхачо леа, кхузахь керла жуьгтийн Хазарии йилла. Иштта вай 1еха а дина, вайна шортта герз а, ахча а делла болайна бу х1ара т1ом а Ельцин куьйгалле валайначу жуьгташа. Ельцин – церан тайниг ю, цара шайна луъ-луучу аг1ор хьийзош.
     Жима хъан елира.
     - Жуьгтийн гур букха, хетарехь, юха а вай лаьцнарг? – доккхаса даьккхира Ибрах1има.
     - Ткъа хьанна оьшу х1ара т1ом, х1ара ц1ий? Нохчашна оьшу? Оьрсашна оьшу? Нохчий а, оьрсийц а дукха ч1ог1а мерза, бертахь 1ийр болуш баракеха б1ешерашкеахь, вай цу Йилбазо дитахьара.

 
Аьхка жа лома хьаладаьккхича бог1ура нах кху б1ов чу. Кулакаш бу аьлла, жа лелош болу нах х1аллакбичахьана ши шо хан яьллера цу б1ов чу аддам а ца вог1у.
Цхьана гуьйренан юьххьехь г1ийла к1ур белира б1ов чуьра хьала. Наггахь дайна бежана лоьхуш, я толлуш лела стаг цу к1отарна улло кхаьчча хаалора ерриге а месаш охьа а хецна, юхъах к1ора модаш а хьекхна, барзаха уг1уш, я ж1алеха леташ   цхьа зуда.   Цхьаъ шена улло ван дог хуьлий, т1еволавелча, сихха б1ов чу а эккхий, топ етта йолалора зуда. Цундела цунна улло г1орта цхьа а ца ваьхьара. «Хьераяьлла зуда еха б1ов» - аьлла ц1е яханера цу къорачу к1отаран. Аддамана а ца хаьара и «хьераяьлла» зуда ворх1барх1 шо хьалха, ша евзинарг шен хазаллех цецвоккхуш, самукъане, эсала хилла йо1 Чилла юй.
Цу дийнахь тамашена сурт х1оьттира Чиллийна хьалха. Февраль беттан 25-г1а де дара иза. Говрашкахь, коча тийсина автоматаш а йолуш, кхо салти вара, стаггий, зудий, йоккха стаггий, ши беррий далош вог1уш. Гарехь, уьш цхьа доьзал бара.
Ша аьхка кечъйина йол гихь бухканашца к1отара д1а кхойхьура Чиллас. Нахана ща телхина стаг ю моттуьйтуш, т1е стаг ца витахь а, кхетам сирла бара Чиллийн. Етт, эсий дара цуьнан кхобуш.
 Салтий, цара балон наххий гина, такхорна т1ехьа д1атаь1ира Чилла, кхераелла. Уьш т1ехбевлча,  гира мохь охьа а тесна, т1аьхьа яхара, уьш мича буьгу хьажа,   хуьлуш   лаьттачун духе  кхиа лууш. 
      Ц1аьхьана хенахь герзан татанаш девлира. Г1орийна лаьтта лаьмнаш 1адо сана шийла мохь белира зудчун. Кестга дерриге а :д1атийра, х1умма а ца хилча сана.
Г1еххъа хан яъккхира Чиллас йоьхна, герзан татанаш а, зудчун мохь а хезначу аг1ор яха ца яьхьаш. Делахь а, ца 1аелйира. Т1аьхьа яхара.
Къорачу 1йна йисттехула д1а, бехха некъ бара шерачу акъари т1ехула. Генна бевлла д1абоьлхучу салтех б1аьрг кхийтйра Чил¬лийн. Акъаре хаьдда, лома гола тухучу кхаьчна боьлхуш, кестта гучуьра къайлабевлира. Г1аш д1абуьгуш хилла нах бацара цаьрца.
     «Ванах, бевдда, 1инах чу лилхи техь уьш?» — дагадеара Чиллийна. «Х1ан-х1а. 1ин ч1ог1а к1орга ду. Цу т1е, йоккха стаг, бераш... уьш муха довдалур дара герзаца волчу кхаа беречунна хьалхара а девлла?!»
Едда, некъа т1ехула д1ахьаьдира Чилла.
Деттачу лай т1ехь алссам ц1еш дара. Цу ц1ен ларш ехха д1айоьдхура басонна йисте. Шен дахарехь дуккха а х1уманаш 1итта делла, ч1аг1делла хила декхарийлахь долу Чиллийн дог кхоссаделла,  1овжийра дерриге а дег1. Зуз деана, ког ца баккхалора. Яхьийча санна, ц1еша биллинчу некъана т1ехула д1аяхана, бердах чу хьаьжира зуда. Лаха чохь, к1оргехь, лай т1ехь маь1-маь11ехь 1аьржа к1айдаргаш къаьстара. Шеко яцара. Уьш, тоьпаш а етташ, байина, чу кхоьссина доьзал бара.
Маь11аргонна царна т1аьххье чукхосоалора Чилла. Делахь а, лахо яьлла, лехира чуйосса меттиг. Сатуьйсура цхьаъ мукъа дийна ца висина техь, бохуш. Амма цуьнан догъйохийла а ца хиллера. Берийн, зударийн, къонахчун дог1маш, яххьаш цистинера чекхлилхинчу даьндаргаша. Леччу тоьхна ца юьтуш, кортош аьттера нехан. Хетарехь, иза доьзалш аддамана а ца бовзийта дина дара.
Йоьлхуш, холчах1оьттинера Чилла. Мохь беттарх, орцах вала да вацара. Уггаре а уллора лулахо - ц1ийнада вала а велла йисина йоккхастаг, Баба. Мацах Давадан хьеший лаьттина хилачареха цхьаъ. Амма х1инца цига а кхочур яц, малх чубуьзча бен.
Детта доккха ло дара 1инан к1оргехь. Акхаройх къайладаха г1ерташ, куьйга оьрнаш а дохуш, лай юккъехь д1алечкъадора Чиллас декъий. Ши куьг дахьийнера. Т1ера х1уманаш ерриге а т1адийнера. Тог1ий чуьра хьалаяьлла, ц1а яхана, духар а хийцина, сихха Баба йолчу хьаьдира Чилла, иза йолчахь буьйса а яькхина, шоллаг1чу дийнахь нахе орцадаккха дагахь. Цунна ца хеара ярташкахь нах ца биссанай, берриге а, шаьш санна къайлизехь биссанарш боцург, махкара арабаьхний.

Ша гучуяьлча хазахетта хьийзачу Бабе х1умма а ца дуьйцуш, цуьнан догкхоош 1ара Чилла. Йоккхачу стеган, хазахетта, б1аьргех хиш оьхура.
— Х1унда ца лаьа хьуна соьца 1ен? Вайшиъ цхьане хаза 1ийр ма яра, — гуттара а санна хоьттура йоккхачу стага. Чиллийна ца лаьара дерриге а мадарра дийца. Ца лаьара дийца ша евзинчул т1аьхьа лаьцна д1аюьгур йолуш хилар. Т1аккха, шена хьашалла дина аьлла, х1ара а дакъаза йоккхур хилар. Чиллас, гуттара а санна, жоп лора:
— Иог1ур ю со, Баба. Юха шарахь, дала мокъалахь, цхьана 1ийр ю вайшиъ.
— Юхашаренга-м мила волу а хьанна хаьара, — гуттара а сан¬на г1ийла къежара Баба.
     -  Ер ю. Дала мокъалахь, ер ю. Хьо-м хьаха ю, Баба, б1е шарал  а сов яха езаш.
— Дала т1е ма дог1ийла иза, Чилла! — моттарг1анна а доцуш  кхералора Баба, — аса-м х1ора ламаза т1ехь доьху суо сихха кху дуьненчуьра д1аэцахьара, бохуш.
Г1еххьа хан елира. Цкъа елар эккхаш, т1аккха г1ийла йоьлхуш, дерриге а карладаьлла, Чилла еана йоккхаеш 1аш, буьйса юккъе йоьдуш лаьттара йоккхачу стагана.
Арахь цхьа татанаш хезира. Не1 хьайира.
— Иза мила хир ву буьйсанна юккъехь веанарг? — сагатделла хьаьвзира Баба. Чиллийн ойланаш кхин а сингаттаме яра. Тахана дийнахь доьзал х1аллакбарах шек яра иза, к1отарш д1айохош юй техьа 1едало,  бохуш.
Шозза-кхузза д1а а озийна, шега схьа ца еллаелча, не1арх ондда х1ума туьйхира веанчо.      
— Мила ву хьо? Аз  дегадора йоккхачу стеган.
— Со ву. Хьамзат ву. Д1аеллахьа, Баба!
— Хьамзат? Джокъалан к1анхгий?
—   Х1аъа.
— Вуй, ахь х1ун леладо, Хьамзат, кху хан йоцчу хенахь? — когаш а 1уьйра, дуьхьал яхана, зайл д1а а баьккхина, чу витира Бабас к1ант.
Хьамзат цуьнал мерашичан к1ант вара, х1етта, ялхийтта шо кхаьчна. Цул уллора гергара варас вацара йоккхачу стеганг. Хьамзатан да Джокъало дег1 сецна, меттахь волу ворх1 шо хан яра. Шен да а, ваша а кулакаш а бина, махкаха арабаьхча ца лайна, цамгар кхетта бохура цунах.
Хьамзат стохка дуьйнна г1ертара йоккхастаг шецанна д1айига. Амма Баба ца яхара, иза жимма ондаваллалц. Хаьара, иза одна а ваьлла, цо зуда ялийча бен ларор боций уьш шега хьовса а, меттаха ца хьалуш к1елвисина Джокъало лело а.
Чилла евзара Хьамзатна. Улло вахана, цунна а мара а кхетта,  сихха дийца х1оьттира иза.
     — Нохчий а, г1алг1ай а берриге а махкаха баьхна, д1абуьгуш бу Сибрех. Тхан юьртахь ши  доьзал бен ца бисина. Дада меттахь 1уьллуш а хилла, тхо дитина.  Кхана говр-салазаш ю йог1ур  йолуш. Со хьо д1аялае аьлла, ваийтина.
  - Д1аялае? Мича д1аялае? Мича Сибрех? Ахь х1ун дуьйцу, Хьамзат? Со муха йоьду д1а, воккхастаг а, к1отар а, етт а битина? - йоьхна, дуьйцура Бабас. Цо вуьйцу воккхастаг - гена воццущ д1авоьллинчу цуьнан  каш дара.
  — Баба, цхьа а ма вац вуьсуш. Берриш ма бу д1абуьгуш. Ур-аттала, меттара а айвина, Дада а ма ву д1авуьгуш!
       - Мила? Джокъала муха вуьгу, меттаха хьалуш а, уьйт1а  валалуш а воцу? Ахь х1ун дуьйцу, ва Хьамзат? — лерина к1ентан  б1аьргаш чу хьоьжура йоккхастаг, цо шега дуьйцург цхьа ах бакъдерг буха а сецош, х1ума долуш санна, я иза ша леян г1ерташ волуш санна.
Чилла-м кхеташ йоллура х1инца хуьлуш лаьттачух. Цунна карладелира иттех шо хьалха шайна т1ехь лелийнарг. И ц1ерпошт, и шера, шийла аре. И дера стрелокаш, и дарделла, луьра дуьне.
— Цхьа а ца вуьтуш, берриш а бу д1абуьгуш? - меллаша хаьттира Чиллас Хьамзате.
— Берриш а бу. Жима а, воккха а. Цомгашнаш а, г1ийланаш а кхана д1абуьгур болуш бу.
      — Партехь берш а, комсомолаш а бу д1абуьгуш?   
         - Дера бу. Т1ам т1ехь  ког  а баьккхина, ц1авеана 1усам а  вигна д1а, букъа т1е автомата юьхьиг а 1уьттуш.
       — Соьлжа-Г1алара уьш д1абуьгуш  гиний цхъанне а? – Хаьттира Чиллас.
       —Гина. Ц1ерпоштан вагонаш чу а буттуш, д1абуьгу боху-кха.
       Чиллийн коьрте хьийзарг кхин дара: бойуш-м бац техьа и нах, шена тахана дийнахь гинарш санна?..
       Хьамзат гучуваьллачу юьхьанца хазахеттера Чиллийна. Ойла йинера, кхуьнга нахе д1а а  хьедайтина, д1абухкуьйтур бу-кха тоьпаш тоьхна байина доьзал. Х1инца, схьах1уьттучу суьртехь, орцахвала а да вуьсучух тера дацара.
        «Сан-м дац цхьанна а гучуйолийла а. Со кхузахь йийна охьаюьллур ю-кха цара, кху лаьмнех ца йолуш, — ша шеца барт бора Чиллас. — Ницкъ   кхачахь Баба а д1айигийта ца еза. Лалур бац цуьнга некъ, халонаш. Эрна арахь д1аюллучул, кхузахь ялар тоьлу кхунна а».
— 1уьйранна са ма тоссура д1аг1ур ду вай. Чилла, хьо а д1аюьгур ю ас. Цхьане д1аг1ур ду вай, — дуьйцура шек а воцчу Хьамзата  — карахь х1ума дукха ма эца аьлла, йовха т1еюхурггий, ах галехь ахьаррий, к1алддий, делахь, дакъийна жижиггий бен. Нагахь дан ларийча-м, ахьаран межаргаш дика хуьлу боху.
Хьамзат т1ег1оьртанчу набаро г1елвина а хаавелла, мотт биллина, иза д1авижийтира шина зудчо. Шаьшшина-м, наб ца кхеташ, сахила доладелира.
Мостаг1чуьнга санна хьоьжура ши зуда корех чу къеддачу серлонан билгалоне. Шера хаьара цаьршинна и серло цкъа а ца хиллачу кепара сингаттам бахьаш еаний. Ткъа мел боккха? Мел къиза?
Баба а, Чилла а ламазаш деш яра Хьамзат самаволуш. Дуьнен чу серло яьржинера.
— Соьга са а тасале, дукха хьалхе кечам а бай, д1авола ма аьллера! — кога мачаш а озийна, араиккхира Хьамзат. Ши зуда ламаз дина ялале иза говр д1айоьжна велира. 
1ина йистера схьа говрашкахь цхьа нах бевлира. К1отарна улло кхача шаьш боьлча, шодмаш тоьхна, сихйира цара говраш. Уьш салтий бара.
  Сийсара тесна буьйда ло д1аса а кхуьйсуш, баьхкииа схьах1иттира уьш.
      Ши салти говрашна т1ера охьаиккхира. Вуьйш, иттех стаг, юьстаха лаьттара, автоматнйн юьхьигаш Хьамзатна т1е а ерзийна.
— Мала ву к1отарахь? — т1ечевхина, хаьттира цхьана къонахчо оьрсийн маттахь.
— Баба ю. Чилла а ю. Со х1инцца уьш  д1абало дагахь ма вара.
      К1анте кхин хеттарш ца деш, ц1а чу иккхира ши салш. Ара-яьккхира цу чуьра ши зуда. Пхьаьрсаш а лаьцна йигна, Хьамзата д1айоьжна лаьттачу салазна т1е хаийра салташа и шиъ. Баба х1етта ламаз дина ма яллара, ур-аттала кога пазаташ а юхаза яра, 1орачу шина кога т1е калош а туьйдина. Ший а зуда а т1ехь беркъа яра. Ог1азъяханчу Чиллин ши б1аьрг схьаэккха сана къаьрзинера.
— Т1е х1ума юхийта йоккхачу стаге! Иштта муха юьгу аш тхойшиъ?!.— хоьттура цо эпсаре.
— Яло, сихха чу а г1ой,  схьаэца, т1екхолла х1ума, —бакъо елира цо.
— Ва, устазаш, пайхамар, орцах довлалаш! Къинхетам  белахь тхоьх, х1ай веза Дела! Х1ай веза Дела!.. — Деле кхуьйкхура Баба.
     — Вуй! Етт ма бу сан 1алашбан безаш. Элан ц1ов мукъа таса ас цунна хьалха? — сихъелла, салаза т1ера хьала а айелла, божала яха юьйлира Баба.
— Хьо мукъа стенга яха г1ерта, къанъелла хьарг1а?! — белша т1ера коч а лаьцна, ластийна, салаза т1е охьатуьйхира салтичо  Баба. Шоллаг1аниг ц1а чу иккхира Чилла сихха араяккха.
— Леле яла! Стенна кечъяла х1оьтти хьо, маре йоьдуш санна? Ма гулъе и т1уьлигаш. Юург а хьашт яц,  цигахь хир ду дерриге а.
Кара деана  чета доьллина цхьа деха,  дуткъа урс дара Чиллехь, Бабас хьокхамаш деш, бод хедош лелийна. Мацах шена ницкъбичахьана салташка къаьсттана цабезам болуш йолу Чилла, леррина хъаьжира салтлчун юьхьа т1е. И юьхь къона яра,  беснеш т1ехь ц1ен бос а болуш. Жима, ирххьаьвзина мара, сийна, сирла б1аьргаш. Ханна Чиллел жима вара салти. Т1ехьаьжна-м, Чилла цуьнан нана ю ала а мегар дара.
Урс ца айделира Чилле къоначу салтичунна т1е. Сихха цхьа ойла еара коьрте: «Х1ун ницкъ бу техьа, веза Дела, х1окхул кегийчу, хазачу нахана, бераллера а бовлале, и оьг1азалла луш берг?  Мила ву техьа кхаьрга и декъаза дакъа кхочуьйтуш верг? Х1ун дан г1ерта техьа, х1ай веза Дела, кху ахь кхоьллинчу сирлачу дуьненахь х1ара дажалш?
— Стенна къерза хьо соьга? Араяла сихха! — букъа т1е муьшка а 1оьтна, аратеттира салтичо Чилла.
Говр салазахь Хьамзаттий, ши зудий хьалха а даьккхина, царна  т1аьхьа х1оттийра говрашкахь ши салти. Кхиберш кхечу к1отаршкара нах арабаха д1абахара.
      Цкъа малх къегина, ло даша дуьйлира. Сийсара деана ло д1а даьллачуьра 1аьржа хатт гучубаьлла, цхьа боьха шатг1а  хоьттинера.
1уьйре д1аялале, юха а сихха мархаш евлира стиглахь. Шийлачу мохо сихдеш цхьа кегийра, лайца ийна дог1а детта долийра. Бедаршна чекхдолура иза.
Ша 1едалан кара йоьддашехьа х1аллакъйийр юй дика хеара Чиллина. Цундела цо аьтто болуш меттиг лоьхура салаза т1ера бердах чу кхоссаяла. Х1ара меттигаш шена шера евзаш хиларе терра, цунна хеара иштта меттиг кестта некъо ног тухучахь гучуер юй.
Кхосселла, бердах чу яхара Чилла. Цунна г1олехо а дара кхузахь елча, 1едална ша караеана кхаъ хуьлийтачал.
Т1аьхьашха чу тоьпаш, автоматаш етта х1иттира салтий, Хьамзат т1еветталушшехьа, ма е иза, бохуш. Жима 1ийна, цунна т1ехьа чу а ца буьйсуш, салтий, йоккха стагге, Хьамзатте дуьгуш, д1абахара.
Мацца а уьш д1акхечира Хьайбаха олучу ширачу юьрта. Схьагарехь, кхуза схьагулбина а, т1етт1а схьагулбеш а бара арабахара лаьмнашкахь бисина нах. Зударий, бераш, баккхийнах. Цхьацца йолчу меттигашкара нах-м, масала Хийлара, Ч1армахара, Моц1карара, Тийстара, берриге а бохурш санна, кхузахь бара.
Дукха адам гулделлера Хьайбахарчу майданахь. П1елг санна гонахьа лаьтта салтий ца багарбича а, кхузахь вара лаххара   ворх1 б1е стаг.
Салташна юкъахь масех стаг нохчийн мотт хууш вара. Цхьанна т1е вахана, Хьамзата дийцира, ц1ахь меттахь 1уьллуш шен да хилар. Дийхира иза шега схьавалавайта, аьлла. Цо бакъо елира. Г1о да ши салти а ваийтира.
Айвина, салаза т1е а виллина, Хьайбаха схьавалийра Хьамзата Джокъало. Халла бен вист ца хилалуш волу воккхастаг ши б1аьрг къаьрззинчохь висинера, хуьлуш лаьттачух ца кхеташ. Лерина къерзара иза шен к1ентан б1аьра, цо ша дийна воллушехьа д1аволла вуьгуш санна. Хьамзатана-м ца хеара, ша иза дийна воллашехьа жоьжаг1ате валавой.
Бериян ц1арах колхоз яра Хьайбахахь. И колхоз кхоьллича, нахера схьаяьхна говраш чу юхкуш дина цхьа доккха божала дара.
 - Чулахка и нах берраш а цу божала. Ма шелбалийта уьш!  — омра дира энкеведен эскаран коьртехь волчу хьаькама Гвешианис. Салташа, божалан шуьйра ков схьа а диллина, цу чу лехка болийра нах. Оьхучу дог1анний, лайний к1елхьара бовла а, нах сихха шаьш чу оьхура.
Шина зудчо куьйгаш а лаьцна ялайора юьхь т1ера бос д1абаьлла, б1аьргаш чуэгна цхьа оза, безамехь зуда. «Хеса» олий ц1е йокхура цуьнан уллохь 1ачара. Кара лаьцна ши бер дара кхечу зудчехь. И шиъ Хесас селхана буса вина ши к1ант вара Хьасанний, Хьусайнний.
Довха кечдина, дас-нанас арадаьхна дукха бераш дара. Цхьадерш, самукъадаьлла, доьлуш, уьдуш лелара. Зударша-м кест-кеста белхар доладора.
Цхьа зуда яра ч1ог1а холчахоьттина, метта ца йог1уш, яда г1ерташ хьийзаш. Шена хилларг ца дийцалора цуьнга. Ца хаьара иза бохамо холчах1оттийва хьийзара, я салтичо коьртах тоьхначу автоматан бухо корта тентигбаьккхина хьийза. Цунна а гуш, ав¬томат тоьхна вийнера салтичо цуьнан майра, ламаз дечура юкъах  стенна ца волу, аьлла.
«Къематан де дукха, къематан де !» — хезара баккхийчаьргара. Дукханна гинера царна некъаца, ламаца байина 1охку нах. Маьлхастахь юьртахь мел верг вийна охьавилшина бохуш хезаш хабарш а дара. Жимма а ойла ян кхетамехь верг, сатесна вара мичча вахана а, кху къизачу салташна хьалхара д1авала.
     Т1еоьхура керла салазаш. Зударий, бераш, баккхийнах. Цомгашнаш, хала бен ког ца баккхалуш болу.  Цхьана жимачу к1ентан карахь шарура к1айн 1ахар бара, хьийзина т1арг1а а болуш. Шегара и 1ахар д1аозийча, велха х1уттура к1ант. 1ахаре а мохь болура «б-е-е» — олий, ша цу к1антехь бита бохуш санна.
      Божална чу бохуш, карара схьа а баьккхина, ласттийна лайла юьстаха кхоьссира и 1ахар салтичо. Воьлхуш хьаьвзина к1ант, нанас куьг а лаьцна, шуьйрачу не1арех сихха чувигира.
Г1овг1анаш, белхар, хьожа, бода,  дерриге а вовшахийнера божал чохь. Цхьана сонехь доьлхучуьра ца соцуш бер хьийза дукха хан яра. Нах божала чу лехка а болабалале, хьалххе кху чу еана, г1елъелла, пенах букъ а тоьхна, аг1оръяьлла хиллера цхьа зуда. Х1инца боьхна хьийзачу наха тергал ца йора я иза а, я доьлхуш хьийза бер а. Цхьана хенахь улло таь1на, зудче йист хилира уллохь 1аш йолу къоьжа зуда:
— Х1ей, хезий хьуна, и бер ма ч1ог1а доьлху хьан.
Зуда йист ца хуьлура. Бер, цкъа доьдий, шен доьлашца цуьнан некхах тасалора. Иза ц1уббой, юха а делха х1уттура.
— XIей, х1е-е-ей! — юха а муьшка йина,  д1атеттира иза къоьжачу зудчо. Важа пенаца д1ашершина, ценкъа охьаюьйжира. Зудчо цуьнан корта схьалецира. Важа-м ша ма шеллу шелъелла, чохь са доцуш, елла яра. Сихха иза къилбехьа а ерзийиа, деша стаг лехира къоьжачу зудчо. Доьшуш лаьтташехь не1аре едда, салтичуьнга элира, елла зуда ю д1айолла деза, аьлла. Салти шайн хьаькамна т1е а ваха¬на юхавеара.
—Цкъачунна 1адда йита боху. Жимма 1ийна д1аюллуьйтур ю боху.
     Салазашкахь, ворданашкахь т1****ош болу нах лахбелира.
       - Гонахьара такхораш т1ера схьа а оьцуш, йол йилла божална гонахьа, го баккхий, алссам! — омра дира Гвешианис.
   -  Иза х1унда юьллу ахь? — хаьттира уллохь лаьттачу нохчийн мотг хуучу эпсаро.
  - Нагахь  тахана д1абигар ца нислахь, шеллур бу уьш оцу чохь,  халла бен мокха, дуткъа балдаш меттах а ца хьовш, жоп  делира Гвешианис.
  - Гобаькхина алссам йол йиллина бевлча, божалан ков д1а а ч1аг1ий, г1ортораш х1иттае, аьлла, омра дира НКВД-н эпсара. Цхьанхьара-м стомма ши-кхо дечиг еана, ков д1акъевлира салташа.
 Д1асахьаьжира Гвешиани. Дассаделла хийтира лаьмнаш. Цхьа а ламаро висина вацара кху аг1ор гуш а, ву аьлла хезаш а. Къена а, зуда а, бер а, цомгашниг а, къаналло лаьцнарг а – берраш цу божала чохь бара. Б1е говр лоллура цу божала чу. Х1инца эзар гергга стаг тарвинера.               
 Шена гено лаьтта нохчийн мотт хуу цхьа эпсар воцург кхин цхьа  а ламаро цахиларх ша тешна ваьлча, омра дира Гвешианис:
- Ц1е таса!
       Т1ебевддачу салташа масех ме1ахь алах ц1е тесира. Хуьлуш лаьттачун духе кхиаза волу нохчийн мотт хуу эпсар кхетта ваалале ц1е, марсаяьлла, божалх хьаьрчира. Тамашийна, дуьне 1адон сан¬на маьхьарий девлира бежал чохь болчеран. Говрара охьа а иккхина, коьртара куй а бужуш, т1еведира эпсар Гвешианина:
— Ма дагаде и адамаш! Совцабе салтий! И х1ун ду ахь цаьрга дойтуш дерг?!!
—И нах д1абига аьтту бац. Цара некъ ловр бац. Ишттанаш х1аллакбан безаш бу! — шийла кхоьссира Гвешианис.
— Ас маршал Берияга д1адовзуьйтур ду х1ара г1уллакх! — кхерам таса вуьйлира эпсар.
— Иза Сталинан а, Бериян а омра ду! Хьо дуьхьал-м вац? — шийла, цабезамца т1ебуьйг1ира Гвешианис шен мокха, эчиган ши б1аьрг эпсарна.
Ц1арой, к1уьрой кхерийна, маьхьаршца араг1оьртинчу адамаша божалан ков кагдира. Арататтабелира кхерамо хьере бина  нах.
 — Т1етоха! — омра дира Гвешианис. Чуьра араг1оьртинчу нахана автоматаш етта йолийра салташа. Бойуш, охьабохкучу нехан дийнка цхьа барз гулбелира кевнна хьалха. Эгначу декъийн барзо ара ца бавдуъйтура х1инца марсаяьллачу ц1аро багош лаьтта нах.
  - Совца! Совца! — шена чуьра м боллу мохь хьаькхира Громов фамили йолчу цхьана эпсаро, и къематан де шена гуш, 1а а ца велла. Къевллина шен корта схьа а лаьцна, б1аьргаш д1акъевлира цо. Амма цо бохучуьнга цхьаммо а ла ца дуьйг1ира. Богуш лаьттачу тхевнан цхьа ах чохь болчу нахана т1екхеттера.
- Д1авига и шйъ кхузара! — п1елг хьажийра Гвешианис нох¬чийн мотт хуучу эпсарний, Громовний т1е. Хаьн т1ера герз д1а а даьккхина,  некъ аренга боьдучу новкъахула д1авигира салташа.
 Божала чохь хьоькху маьхнарий цхьа хан яьлча д1асевцира.
     Цхьа а ца виссира царех дийна а. Марсаяьлла йогучу божалан дечигийн татанаш бен ца хезара. Стигала оьхура к1ур. Иза  хьена хеталора. Цу к1уьрехь садоь1уш лаьттара НКВД-ан салтий, эпсаршшя-ий. Царна иза новкъа ца хетара. Хетарехь, цара дуьххьара ца уьйзура и тайпа к1ур шайн 1аьржачу кийра. Царна цу к1уьро ницкъ лора.
«Б-е-е, бе-е» — 1оьхуш хьийзара лай т1ехь бисина к1ай 1ахар, кхин цкъа а ша цу к1анта хьостур боций хууш санна

***   
Шина вагонна юкъехь шелонна хебаш, вахьийна вог1ура 1абдурахьман. Сатеснера цо ц1ерпошт сацарга, кху т1ера охьаэккха. Х1ета а, вета а, кхузахь ша милла леш вуй хаьара.
Са тесна далале ц1ерпошт, цхьадика, сецира цхьана жимачу станцехь. Охьаиккхина, д1асахьаьжира 1абдурахьман. Бодечу аренгара схьа дера, шийла мох хьоькхура.  Г1ийлачу серлонгахь,  станцина уллохь масех салти вара коча еха тоьпаш а тийсина, д1асахьийзаш. Кху поезда т1ехь, мухха вахана а, ша д1а ца водахь, висарх г1оли хир яцарх кхийтира иза.
Цхьана вагонан не1 меттахахьовш санна хийтира 1абдурахьманина. Поездан чкъургашна к1ел д1алечкъира к1ант. Вагона чуьра араиккхина, цхьа къонаха сихха д1асахьаьдира. Жимма б1аьрг бетташ а лаьттина, юха а чувахара. Иза юха чу ваххалц а 1ийна, цунна т1аьххье вагона чу велира 1абдурахьман. Бодашлахь х1умма а ца къаьстара.
— Х1ей, вуй кху чохь аддам а? — оьрсийн маттахь хаьттира 1абдурахьмана. Дуьхьал цхьаммо а жоп ца лора. К1антана иза хазахо хийтира: кху чоьхьа ваьлларг а лечкъина вог1уш вара.
— Со а ву лечкъина вог1уш. Шина вагона юккъехь шелвелла, г1орош лаьтта со. Кху чохь ван мегар дуй со кхид1а? — г1ийла хаьттира 1абдурахьмана. Иза кхетара ша кху бухахь болчара т1е эцарах шен кху дуьненчохь кхид1а вахар, я ца вахар доьзна хиларх. Бухахь берш, хетарехь. 1абдурахьманах тешначух тера дара. Цхьана къонахчо, вистхилла, элира:
— Охьахаа ткъа хьуо волччу. Цигахь ча ду хьуна тесна.
— Баркалла хьуна! — доггах элира 1абдурахьмана, ча т1е охьа а лахлуш.
Серлаяла юьйлира. Къонаха цхьаъ ца хиллера вагона чохь. Цуьнца яра цхьа жима зуда. Хетарехь, цуьнан зуда, я нускал. Кьонахчун белшах а г1оьртина, кхоьруш, схьакъерзабора цо 1абдурахьмане шен боккха, сирла ши б1аьрг.
— Гена воьдий? — мацца а хаьттира къонахчо 1абдурахьмане, цуьнан юьхь сурт шена къастадоьлча.
— Казахстане, — жоп делира 1абдурахьмана.
— Казахстан ю х1ара-м х1инца дуьйна д1аерг ерриге а. Х1ун г1ала ю хьуна оьшург?
— Дуьххьара т1екхаьчначу г1алахь охьавуссур ву со, — хьовзавелла, жоп делира 1абдурахьмана.
Леккха хьалаайбеллачу маьлхан з1аьнарша г1ехь йовхо еттара вагонан корашна чекх. 1абдурахьман набаро вожийра.
Мацца а ша самаваьлча, шен ши некъахо х1ума юуш гира 1абдурахьманна. Цергех хиш девлла, кийра 1аьвжира. Мацвеллачу к1ентан меро шера къастийра цаьршиммо юуш ерг; хи чу йоьхкина наьрсаш, бакъийна ч1ара, бепиг..
— Х1ей, схьавола, — куьг ластийра къонахчо.
— Х1ан-х1а. Баркалла. Со меца вац, — къежира 1абдурахьман.
— Меца муха вац? Ахь 1уьйранна х1ума а ца йиъна, я хьоьгахь кхалла х1ума а яц — т1ейирзира цуьнца ерг. — Хьалаг1аттал, схьавоьл тхойшинна улло!
      - Х1ан-х1а. Баркалла шуьшинна! — юха а   бехкала   вахана къежира 1абдурахьман.
      Ши некъахо, вовшашка а хьаьжна,   кхин   х1умма а   ца олуш 1адда 1ийра.
Цхьаццанхьа соций, еха лаьттара  ц1ерпошт.
— Х1ара иштта бен ца йодахь-м, вайшиъ кхушара д1а а кхочур дац, — меллаша вовшашка олура къоначу шиммо.    
1абдурахьман хабарна т1ера ца хилар гуш,  царшиммо кхуьнга  кхин х1умма а цахоьттура.
   Суьйре т1ейог1уш ц1ерпошт йолаелла д1айоьдура. Д1ахьаьжча а, схьахьаьжча а — гобаькхина аренаш. 1абдурахьманна  карлаюьйлура х1ара аренаш. Хетара уьш шена евзаш сана, ворх1-барх1 шо хьалхалерранаш йолуш санна.
    Къонахчой, зудчой юха а юург д1аяржийра.
— Схьавола х1инца мукъа, — схьакхайкхира къонаха.
— Х1ан х1а. Баркалла. Со меца вац, — юха а жод делира 1абдурахьмана.
- Ой! И бохург х1ун ду? - цхьане цецделира важа шиъ.
— Шайн х1ума яийша. Ас, д1акаьччахьанна юур ю, — юха а бехкала вахана хьаьвзира 1абдурахьман. И цуьнан эхь бехке хиларо дукха ч1ог1а цецдаьккхинера ши некъахо.
— Охашимма бат д1а-м тухур яц кхунах, хьо улло ца ваг1ахь! —: бахьаненний, г1илакхний доцуш, доггах элира зудчо. Къонаха хьала а г1аьттина, 1абдурахьманна т1е веара. Иза ханна а воккха, дег1ана а зоьртал, ницкъана а дуккха а алсамвара 1абдурахьманал.  Цхьа пхьарс а лаьцна, хьалаайвира цо к1ант:
— Валол, тоьар ду хьуна.  Стенна эхь хета хьуна? Нускал-м дацхьо?
1абдурахьмацна кхин а сов эх1 хетийтира цу дешнащ. Мел ша меца велахь а, сатохар  г1олехь хетара цунна нехан  йуъчун т1екхийдачул. Виттане а ша ца витича, яржийначу шаршуна улло вахара иза.
— Х1ун ю хьан ц1е? — хаьттира къонахчо.   
—Алик, — элира 1абдурахьмана, цаьршинна ша нохчи хилар хаарна кхоьруш.
— Алик?!— цецвелира къонаха, — со а вукха Алик! Тезканаш вукха вайшиъ. Х1ара соьца ерг Зина ю хьуна. Зинаида Василь¬евна. Иштта олу кхунаха бераша шен классехь.
- Хьо  хьехархо ю?— хаьттира 1абдурахьмана.
- Ю.
— Со а вара-кха... аьлча а, ву-кха.
— Хьо ваха стенга, мича воьдуш ву иштта, лечкъина, - юха а хаьттира Зинаида Васи льевнас. 1абдурахьман юха а хьовзавелира, ша х1ун эр да хуущ.
— Витахьа, ма  хийзавехьа. Шен нускална т1аьхьа воьду хир ву. Со а веанерий хьуна т1аьхьа! — хадийра и къамел Алика.
- Х1ан, д1аэцал, вай вовшийн довзарна т1ера,  вай ваьш доьлхачу могаш-парг1ат д1акхачарна т1ера!
Ца молуш юхаг1ертахь  ишттачахь ца дезалой хаьара 1абдурахьманна. Цу т1е, Зина а яра ангалиин жима кружка   хьала  мала кечъелла.
 Сихха д1амелара 1абдурахьмана шена йоьттинарг, ша х1инццалц цкъа а цамелларг.
   — Т1екхаллал, д1аэцал, к1антана хьалха тоьттура цу шиммо юург..
   Маларо ц1еххьашха, цхьа тамашийна д1аайбира 1абдурахьманан даг т1ехь базбелла лаьтта бала. Шаьш х1ума юуш мел ду цхьацца хеттарш ца деш ца 1ара Алик а, Зина а. 1абдурахьманан цкъа дерриге а ма-дарра, ма хиллара д1адийца ойла хуьлура. Иштта уллора а, хьоме а тарделлера цунна и шиъ. Делахь а, мотт ца керчара. Хетара, ша мел дийцича а, и шиъ тешар доцуш санна. Мелххо а и шиъ шеца эг1а мегаш санна.    
   Х1ума йиъна ваьлла, баркалла а аьлла, юьстахвелира 1абдурахьман. Маларо хьовзийначу коьрто, дуткъдинчу сино велха дог доуьйтура. Вагонах букъ а тоьхна вог1учу 1абдурахьманан б1аьргех 1овраш санна хиш уьдура. Легашка, т1улг санна, шад г1оьртинера. Эхь хеташ, корта шина куьйга схьа а лаьцна   некха  т1е охьаоллийнера цо. Кхоьрура ша воьлхуш хилар царшинна гучадаларх…
Ц1еххьаршха, улло веана, охьахиира къонаха.
  — Хьо нохчо вуй? — хаьттира цо, лере а таь1на,
   -  Хьуна х1ун хаьа? — воьхна, жоп делира 1абдурахьмана.
  -  Со Дагестанера ву. Даргинец. Со шек вара хьо сайна гушшехьа а.. Суна хаьа шун къомах 1оттаделларг. Царна т1евоьдуш хир  ву хьо. Ас накъосталла дийр ду хьуна.
    - Муха?
   — Со фельдшер ву. Лоьрийн батальонехь. Тхан цомгашчийн состав Акмолинскана уллохь сецна ю. Кху аьхкано а цигахь хила мега тхо. Цундела Дербент г1ала сайн нускал д1адига веанера со. Эццигехь хиира шун къам д1адохор а. Ас сайца болх бан д1авуьгур ву хьо. Реза вуй хьо?
— Сан йижарий а, гергарнаш а бу цхьанхьа хила безаш. Уьш схьакароллац хьоьца 1ийр ву со. Дика дуй?
— Дика ду. Хьаькамашка ас хьо мотт ца хууш ву эр ду. Сайн ваша ву эр ду, айса г1о дан валийиа. Дика дуй?
- Дика ду. Баркалла хьуна, ваша!
 
 Биъ бутт хан елира 1абдурахьмана Аликца болх беш. Дукха нахе т1екаренаш йинера цо шен юьртахой, гергарнаш хоьттуш. Т1аьххьара а хиира уьш Талдыкургански областехь, цхьана районехь д1асабекъна хилар. Алик ша веара 1абдурахьман цига д1акхето. Цуьнан аьту бара карахь т1емалоьран кехаташ а долуш, миччахьа а д1асаваха.
     Степной яра цу поселкам ц1е. Боккха цхьа урам бара юккъехула т1ехболуш. Урамна цхьана маь1ехь лаьттара туька. Алик а 1абдурахьман а цу чу вирзира, гергарчийн берашна эца х1ума ца карортехь, аьлла. Цхьана басехь кисин к1адий, туьхий, дакъийна ч1ерий, махоркий, къоламашший, кхин а цхьацца кега-мерса х1уманаш бен яцара туькан чохь. Мах беш верг цхьа къонаха вара шовзткъа шо гергга хан хирйолу, цхьа ког а боцуш. Цуьнан накха берриге а орденеххий, мидалеххий д1абуьзна бара. Массарна а т1ехула кхозура Советски Союзан Турпалхочун седа. Буьрса девллачу ц1оцъамашна т1ехьара схьакъерзара къона, чехка, майраллеххий, яхьаххий дуьзна б1аьргаш.
— Шуьшиъ мичхьара вели? Нохчо-м вац шуьшиъ? —хаьттира йохкархочо нохчийн маттахь.
 — Со ву нохчо. Х1ара сан накъост Дагестанера ву – ц1адахьаро. Кхо вошалла а дина кхечи со кху юьрта.
— Кхаьчнехь, валол, и д1огара ч1уг д1атасал не1арх1 — топ санна хьалаайина, шен 1аса не1арна т1ехьажийра йохкархочо. 1абдурахьмана, цо аьлларг а дина, не1аран ч1уг  д1атесира.
— Сан ц1е Расовхьаьжа ю шуьшинна. Со ц1ера Шуьйтара ву шуьшинна. Шуьшиъ суна т1евоьссина сан ши хьаша ву. Ас аьлларг дийр ду аьшшимо!
Дехьа чуьра схьа ши шиша къаьркъа деара Расовхьаьжас. Г1опастанна к1елхьара бепиган цастарш, хох, бакъийна ч1ара схьаийцира. Стаканаш чу д1асадоьттира.
— Жолум шуьшиъ, кху 1ано а б1аьстенан юьххьехь а кхузахь ца хилла,— доккха са даьккхира Росовхьаьжас, — ма ирча суьртш гур дара шуьшинна. Х1ан, д1амалал. Дала кхин юха ма гойла ишттаниг цхьаний заманчохь а, цхьаннй къомана а!
Кхаа стага стаканаш хьалаайдира.
— Со гуш вуй шуьшинна? - сикха хаьттира Расовхьаьжас малар логал чоьхьадаьллачул т1аьхьа.
    — Ву...
— Ши бутт бен бацара со сайн ц1ерачех кхетта. Х1ара болх а хилла ц1авеана — шен кога т1е куьг хьажийра Расовхьаьжас. - Нана, х1усамнана, доккха хилла ши бер, берраш а дийна бара. Пхеа шарахь сатийсинера ас уьш ган. Ас т1ом Финляндехь ма болийнера.
Расовхьаьжа луьйчуьра сецна, к1еззиг хан елира. Т1аккха элира меллаша:
- Цхьа йо1 бен х1умма а ца дисина. Со цамгарца ву. Дог ду лозуш. Со д1авалахь, иза а елл а ю-кха.
Юха а чудоьттира.
— Х1ай к1ентий, дист а ца хуьлуш, д1амалйй вай? Далла шена дика хаьа хир ду-кха ша кху дуьненах дан дагалаьцнарг! Цхьалолу х1уманаш вайн бехках доций-м хеа вайна.
 — Расовхьаьжа, цхьа х1ума   дийцахьа   суна. Хьуна дика хаа мегар-кха кхечаррачул а, вай х1унда далийна кхуза, ц1ера дохийна  схьа а даьхна? Вон т1ом беш хилла нохчаша? Я цхьа тешнабехк бан г1оьртина хилла вай кху 1едална? — леррина т1евирзина хаьт¬тира 1абдурахьмана, цуьнан кителна хьалха кхозучу орденашка, медалашка, дашочу седане б1аьрг а бетташ.
  Сихха ца делира жоп Расовхьаьжас. Хохан чам боккхуш 1ийра г1еххьа. Т1аккха элира, к1ентан б1аьрга т1е б1аьрг а  х1оттийна, мохьтуххуш:
— Вайна тешнабехк бина, ши к1ант! Вай х1умма а осал ца лелла т1ом бечохь. Суна а хууш, вейтта-пхийтта стеган ц1ераш яхьийтина Москва Советски Союзан Турпалхочун ц1е тиллийта! Т1амт1ехь галдаьлла х1умма а дац вайн. Декъазчунна денц1ера йог1у олуш нохчийн кица хезний шуьшинна? Вайн ц1ахь бина вайна тешнабехк. Энкеведерачу  кхахьпеша дина ду вайна т1ехь динарг! Уггаре а майра, доьналла долу салтий, эпсарш т1амт1ехь оьгуш, леташ, толам баккха г1ерташ лелачу хенахь и заддаш тылехь левчкъина 1ийна! Х1инца шаьш цхьа къаьхьа де дина моттийта г1ерташ, зударий, берашший, баккхийнаххий х1аллакбеш хьийза!
   1абдурахьмана къаста ца дора х1етахь НКВД-ен эскарш а, кхидерш а. Цуннаца массо а цхьатерра вара, т1аьхь советийн салтийн духар хилчахьана. Х1инца цо лерана д1алоцура Расовхьаьжин ба¬гах мел долу дош. Теша а тешара цу дещнех.
    - Сталин 1ехийна Берия, Серов бохучу боьхачу х1уманаша! Иза суна дика хаьа массарначул а! — леррина цкъа 1абдурахьманан, т1аккха Аликан б1аьргаш чу хьоьжура Расовхьаьжа. — Иза суна дика хаьа! Амма ашшимо цхьангге а д1аса ма хьехаде. Со ваьхна ваьдла стаг ву. Со кханенга волий хууш а дац. Со велча а дац х1умма а. Цундела лаьа суна сайл т1аьхьа бакъдерг дуьсийла!
Юха а стаканаш ак-ах хьаладуьзира Расовхьаьжас. Чудоьттинарг д1амалале, г1опастанна т1е доггах буй а тоьхна, элира:
— Цу кхахьпеша х1ун леладора хаьий шуьшинна?!
— ???
— Со теш ву шуьшинна цара лелийначунна!
Г1арж-ж-ж — аьлла цергаш хьакхийра Расовхьаьжас. Оьг1азаллин къурдаш бора. Ши б1аьрг т1унбеллера.
      — Сан девешин к1ант вара НКВД-ахь болх беш. Цо дийцира соьга ма-дарра. Ша дийна ву иза х1инца а, Алма-Атахь. Хабар кхочу соьга цуьнгара. Цо х1ун дуьйцу хаьий шуьшинна? 1942-чу шеран гурахь вайн лаьмнашкахь, Дени-Дукъ алучу меттехь десант кхоьссина хилла немцоша, ламанца дехаш долу халкъ советан эскаршна дуьхьал г1овтто дагахь, Геккерт бохуш полковник хилла церан коьртаниг. Кулакаш бу аьлла бохийна Сибрех бахийтинчуьра левчкъина ц1абаьхкина нах хилла цу лаьмнащца, 1едало парг1ат баха ца буьтуш, къахкийна лелош. Цул сов, военкоматашкахь болчу эпсарша тайна ахча делча, т1ам т1е ца буыуш, юхатоттуш хилла. Т1аккха, таллам бан комисси йог1у аьлла хезча, цу нахе бовдий, хьуьнах д1аловчк1ьа, олий, хабар тухуш хилла. Иштта и харцонаш лан к1ордийна нах х1ета а вета а шаьш кху 1едало маьрша 1ен дуьтуш а дац, аьлла, цу немцойн эпсарна Геккертана т1е бахана хилла. Амма и дерриге а нахана ма-дарра гучудаьлча, цара милицина т1аьхьа а х1иттина, шаьш х1аллакбина и немцой. Уьш верриге а пхийттанга кхочуш стаг а ца хилла. И кху 1едало х1инца цхьанххьа а хьахош а дац. Кхарна коьртаниг – нохчий бехбар ду. Цундела ма долайна кхара нохчаша Гитлерна дашо нуьйр а тиллина, к1ай говр елла бохуш а, нохчий адамаш а дууш, акхарой ю бохуш а. И сил инзаре гамо кхара вайнахаца х1унда лелайо, иза дерриге а мичара схьа ду – со кхеташ вац… Хетарехь, цхьаъ-м долу цу вайн лаьмнашца. Вай новкъа хиллакха цигахь, хьанна хиллехь а, х1ундда хиллехь а.
     Къамел сацайна, г1ехь ойланаш еш 1ийра Расовхьаьжа. Т1аккха юха а дийца волавелира:
- Кхин цхьа немцойн кема а даьлла хилла Нохч-г1алг1айн дозай¬на чоьхьа, оццу гурахь, - дуьйцура кхид1а а Расовхьаьжас. -  Амма иза Атаг1аний, Хьалха-Мартанний юккъехьйолчу аренна т1ехь вайн зениткано дохийна чудаийтнна хилла. Цу чуьра пхи стаг а схьалаьцна, х1аллаквина хилла. Кхин немцой бевлла а ца хилла вайн лаьмнашка, бевлча а шаьш ламароша х1аллакбийр буй хууш.
Амма кхузахь кхолладелла сурт ма-дарра д1адовзуьйтуш ца хилла Москва меттигерчу НКВД-ай белхахоша, - шеко йоццуш дуьйцура т1емалочо, -  Масалла, 1942-чу адеран октябрь баттахь вай долчахь хиллачу Бериян заместнтела Серова а, вайн вешан хьаькамо Албогачиевс а хаамаш беш хила Нохчийчохь лаьмнашкахь дийнна т1ом бу, бохуш. Шайн «доьналла» гойта г1ертана, халкъ бехдаларх а, дакъазадаларх а шекбовлуш ца хилла уьш. Масала, цу гурахь Нохч-Г1алг1айчоьнан обкоман хьалхара секретарь хиллачу Иванове а, чоьхьарачу г1уллакхийн нарком хиллачу Дроздове а, ас х1инца вийцинчу Серове а хаам бина Берняга, ткъа цо — Сталине, шаьш лаххара а пхи эзар вайнехан бандит лаьцна  лаймнашкахь, бохуш. Уьш боьха  аьшпаш хилла шайн «майралла» гайта г1ерташ, цара биттина. Мел лакхара лерича а, цара бандитаташ бу боху нах лаьмнашца б1е  гергга бен ца хилла. Иштта, аьшпашца, тешнабехкаца дакъаза даьккхана ду-кха, ши к1ант, вайнехан халкъ тахана. Иштта тешнабехк Кавказан кхечу къаьмнашна а бина-кх цу мотт беттачу эпсарша.
— И бакъ ду, — корта ластийра Алика, — балкарцашна, г1алмакхошна, Г1ирмерачу г1езалошна...
—   Шаьш бохург хилла-кха цундела НКВД-ерчу ж1алешна, — четара цхьа газета  юьхьиг схьаиицйра Расовхьаьжае, тетрадан Кехатана юккъе хьарчийна йолу. — Х1ара вайн «Грозненский ра¬бочий» боху газета ду шуьшинна 10-чу мартехь, кхушара арадаьлла. Схьахьовсал СССР-ан Лакхарчу Советан Президиумам х1окху Указе.
  Указ арадаьккхинера СССР-ан Лакхарчу Советан президиумо 1944 шеран 8 мартехь.
  Цу т1ехь дуьйцура леррина йолу задани кхочушъярна цхьаболчарна деллачу совг1атийн хьокъехь.
 Суворовн ц1арах 1- чу даржан орденца: — Паччахьалкхан кхерамазаллий комитетан генеральни комиссар Л П. Берйя, паччахьалкхан кхерамазаллии комитетан 2-чу даржан комиссараш  Б. 3. Кобулов, С Н. Круглов, И. А. Серов.
 Кутузовн ц1арах  йолчу  1-чу даржан    орденца:  инарла-палковник А. Н. Аполлонов, паччахьалкхан кхерамазаллии   комитетан 1-чу даржан комиссар В.Н.Меркулов, инарла-майор И. И. Пияшев.
     Суворова ц1арах 2:-чу даржан орденца: паччахьалкхан кхера-мазаллин комитетан 2-чу даржан комйссараш: В, С. Абакумов,  Е. С. Грушко, инарла-лейтенант Н. П. Стаханов, кхиберш а, верриге а 13 стаг.
     Кутузовн ц1арах 2-чу даржан орденца — 17 стаг, Ц1ечу Байрак орденца — 78 стаг: Даймехкан т1еман 1-чу даржан орденца — 47 стаг, Даймехкан т1еман 2-чу даржан орденца — 61 стаг, Ц1ечу Седанан орденца — 120 стаг, «За отвагу» медалца — 258 стаг,  «За боевые заслуги» медалца —111 стаг...
-  Дика т1ом бина цара-м шайн   машаречу къомаца, цхьа а кхерам а боцуш, — кхоччуш дог доьхна элира Алика ша и указ дешна ваьлча. — Тхо, дег1астанхой, муха, дисснатехь шуьга кхаьчна дакъа ца кхочуш?
           — Тешаме дац хьуна шу парг1атехь дуьтур ду аьлча а, — элира Расовхьаьжас, — кхин а хир ма бу т1омалойн лакхара орденаш яха лууш берш.
           — Остофирлах1, остофирлах1— корта ластийра Алика, — т1ам техь 1аламат чолхе, говза операциш кхочуш а йина, мостаг1а къарвича бен яла хьакъ а ма яц Суворовн а, Кутузовн а ц1арах б1аьхаллин орденш...
— Эзар шераш д1аихарх бевр бац уьш къиза х1аллакбинчу   нехан къилара. Дер дац царна т1ера не1алт стиглара чу малх мел хьоьжу! — Расовхьаьжае сихха хьалаайдина, цхьа боккха къурд бира стакана чуьрачу маларх. Шина хьешо а д1амелира.
— Мацалла яра х1инццалц кху поселкехь — кхид1а а дуьйцура Расовхьаьжас. — Х1инцца жимма продукт ян йолийна. Х1ара туька а схьайиллина цхьа к1ира хьалха. Плотина ю кхузахь  хинна еш. Берриге а бохург санна вайнах бу къахьоьгуш. Цхьа капитан веана кхо-диъ де хьалха т1амт1ера кху поселке. Чолакх ву иза а, эха си т1ехь, со санна. Иза ц1авар дазда ца вахавеллера со, даге лазар а деана. Цо деанера кху чу х1ара малар а, ж1аьлин даар кхунах хиларг. Шуьшиъ веана-м суна боккъала а ч1ог1а хаза хета. Кхузахь 1ан дагахь веаний шуьшиъ?
         — Со 1ийр ву. Сан юьртахой  болчух   тера ду кхузахь.  Алик-м д1аг1ур  хир ву. Со схьакхетош веана х1ара. Х1ара ц а кхеттехь, со  велла  хир вара.
          —Накъосталла дар — иза къонахчун амал ю. Сий дан деза ахь  кхуьнан, 1абдурахьман. Къонахий берраш а цхьана къома бу, хьуна яхь йолчу къоман.   Осалнаш а цхьана къоман бу, нах боцчу нехан къомаха. Цундела  тешамечу, яхь йолчу накъосташна т1етийжа веза. Вайн нохчийн къоман а ю,  шортта ледара х1уманаш, т1ехь хечеш а стенна лавайотехьа, аьлла. Цхьа х1ума ю кхузахь, хасстоьмаш т1ехьа балхахь болчу зударийн учетчик ю бохуш. Мотт беттанг лелаш ю, хаьнт1иг. Дош дацара цуьнан и шоллаг1а ха а ца дойча! Цхьана зудчо тапча йиттина дойна ду боху цуьнан и ха.
— Ц1е х1ун ю ахь вуьйцучу стеган? — сихха хаьттира 1абдурахьмана.
— Ай! — куьг ластийра Расовхьаьжас, моза д1ачовхош санна. — Хаац суна-м, цуьнгахь боцчу безамна,   цуьнан   ц1е х1ун ю а. Цхьа боьрша йоцу паспис юкха.
       Уллох т1ехволуш гича а муьлхха а нохчий чу а валавой, хьошалла дора т1еман ветерана. Мах боцуш, д1айоькъура шега мел ехна продукташ.
     Цхьана хенахь ревизии кхечира туькана. Растрата йоккха яра. Расовхьаьжа чу воьллира, Советски Союзан Турпалхочун седа д1а а боккхуш. Т1емало-м шек ца волура. Иза воккхавера шен нахана даделлачу г1уллакхах.



* *  *
Плотина ечу баханий, хасстоьмаш т1е баханий нах сарахь ц1абирзича, юккъевоьллинера массара а 1абдурахьман а, цуьнца волу Алик а.  Воьхнера к1ант, ша х1ун дер, х1ун дуьйцур ца хууш. Хеттаршка бевлира юьртахой. Шаьш лайна баланаш буьйцура. Шишша-кхоккха мацаллий, шелой бахьанехь доьзалара валанза цхьа а вацара. Шайн тайпанашца берриге а белла д1абевлларш а бара дуккха а. Кхаьрга ладоьг1ча, 1абдурахьманна ша лайнарш а башха даьккхий  х1уманаш  а ца хийтира.
Дуьххьара 1абдурахьадан гучуваьлча, цецбевлла  т1****табеллехь а, х1инца цхьацца шишша волуш, вухавуьйлура. Г1ийла бара нах. Хийцаеллера церан амалш. Халла бен когаш а ца бохура г1айг1ано 1аьвшинчу, синош даьхьча санна лелачу наха.
Алик  Дагестанера ву аьлла хезча, иза юьстах ваьккхира цхьа¬на къонахчо.
— Хьо даргинец ву?
— Ву!
— Со а ву-кха ж1ай. Аьлча а, сан денда хилла-кха. Сан ц1е Махьама ю хьуна. Со а, сан бераш а, сан денваша а, цуьнан бераш а бехк боцуш ма далийна кхуза! Тхо нохчий ма дац, царна юкъахь 1ийна хиларх! Х1ан, х1ара цхьа кехат ло ас хьоьга. Дукха дуьйцуш латта йиш яц сан, х1орш кхетар бу. И кехат Москва д1а тасалахь, ледарло ца еш. Варийлахь! Оха кхузара а тесна таса-м, делахь а, иза д1акхаьчначух тера дац. Х1ан. Д1алачкъадехьа сихха, кхарна гучу ма далийталахь. Конверта чу а диллий, д1а тасалахь хьуо д1а ма кхоччура!
     Оццул ч1ог1а шега дехча, Алика и кехат кисана диллира.
     Ши -кхо де даьллачу хенахь,  ша лазарете д1акхаьчча, ойла йира Алика: «Ванах, ма кхоьруш делира цу стага соьга и кехат. Шаьш нохчий дац бохург а ма ч1ог1а дуьйцура цо. Дан мукъа х1ун ду техь  цу  т1ехь яздина дерг?
Кехат иштта д1адолалора:
«Хьоме Иосиф Виссарионович Сталин!
Оха хъалха Берияга а, Ворошиловга а кхехьийтинчу кехаташна жоп ца кхаьчна тхоьга. Доггах доьху хьоьга оха яздечун леррина, ч1ог1а таллам байтар.
Мацах паччахьо г1ело латточу хенахь, тхан дай машаре дахар лоьхуш, бевдда баьхкинера Нохчийчу. Уьш цигарчу нохчаша т1еэцнера, бусалбан вежарий ду аьлла. Амма тхан цаьрца дехачу хе¬нахь цхьа а тайпа бакъонаш яцара. Тхуна т1ехбеттамаш бора «шу суьйлий» — бохуш. Тхан церан синкъерамашкакь  сакъера йиш яца¬ра, дош-дашера доллушехьа, «шу суьлий, шу хъан кхайкхина да¬лийна ду? Шайн ц1ехьа яхийта» — олура.
Тхо даккхийдеш ца дехира царна юьккъехь мел деха. Тхо предателаш а, Даймохк бухкуш лелла а дац, уьш санна.
Х1инца тхан къоман нах бу и предателаш бохийначу лаьтта т1ехь бехаш. Тхан дехар ду цаьрга хаттар, тхо церан гергара ду я дац, алий. Цара тхо шайн гергара ду бахахь, оху доьху хьоьга, хьоме Иосиф Виссарионович, тхо вовшахтохар.
Тхуна ца лаьа кху боьхачу нохчийх а кхетта, тхаьшна т1ехь «спецпереселенцаш» бохуш ц1е лело. Гор а эгна, доьху оха хьоьга х1инца мукъа тхо кху нохчийн 1азапера дахар...»
Кхин а дехха яздина дара кехат. Алика кхид1а ца дийшира. Эт1ийна, цхьа кегийра кийсигаш йина, д1акхийссира. Ойла йира:
«Ма цхьатера дац адам. Нохчий д1абохош бу аьлча, царех бовла а ца лиъна цаьрца д1аихна бу цхьаболу ж1ай, 1аьндий, даргинцаш, оьрсий. Вуьйжаш — сил ямарт... Х1ан-х1а. Къам ца хуьлу вон а, дика а. Х1ора а къоман а волу оьзданиг а, ямартниг а. Оьздачо шен къоман ц1е а оьзда йоккхуьйту. Вочо — вон йоккхуьйту…
Маржа я1, мичара дер дара техь 1илма къаьмнаш, адамаш  вовшеха а ца къестош, вовшахтоха, церан барт цхьаъ бан? Тамаша бу-кха кху Сталина къаьмнаш нехаш санна д1аесакхийсарх, цунах  цхьанне а юьхьак1ам-м хилахь...»
Гуьйранна бераш школе дахча, царна хьеха вахара 1абдурахьман.


       Шатайпа вагон яра ц1ерпоштаца. Чохь маьнганаш а, к1ай мотт а, ара г1ойла а йолуш. Кхехкош, молуш чай дара. Чай   доцург   юург  хуьлура. Самукъане бара кху чуьра т1ехь деха чуэш болу пассажираш. Цара дагалаьцна болх кхиамца чекхболуш лаьттара.
Рахьим а вара цу пассажирашца цхьаьна. Цо ч1ог1а г1одинера салташна тахханалц. Таханчул т1аьхьа а г1о дан кийча вара иза. Юург латточу х1усамдена меца к1езалла кхехьна ж1аьла санна муьт1ахь а вара.
Амма цунна моьттург ца хилира. НКВД-н органашка хьовха, кхечу хьаькамаллин балха а  ца ийцира Рахьим. «Нохчийн хьант1иг ца эцча а, карор бу вайна вешан а хьаькамалла лело нах», — хазийнера уьш кхаьчначу районан коменданта. Рахьиме кхаьчнарг хасстоьмаш лелочу звенон учетчикан болх бара.
Ч1ога дегабаам бира Рахьима шен дагахь. Шен махкахошца яхь яра цуьнан. Ч1аг1о йира х1уъа дина а, шен дег1а чохь са мел ду, хьалавала г1орта.
Цкъа уггаре а хьалха, меттигерчу хьаькамашна ша тешаме хилар гайта лиира Рахьимана. Бандиташна а, предателшна а юьккъехь ц1ена, 1едална тешаме нах хуьлий хаийта…


* * *
Бригадехь берриге а бохург санна зударий бара. Кхо-виъ къена стаг а вара, мухха ваьллехь а валаза к1елхьараваьлла. Д1абийца г1азакхин а, казахин а, киргизийн а мотт а ца хууш болчу нахана Рахьим 1аламат воккха хьаьким хетара. Дозалла а дора шайна юкъахь оцул 1едалца ларош къонаха хиларх.
Хи дуьллуш аре яра бригадо лелонш ерг. Хьийкъина хасстоьмаш хуьлура цигахь. Мацалла г1елбеллачу нехан аьтту хуьлура  наьрсаш а, хорсамаш а, капустанаш а, жанкаша а даа. Вуъшта, царах жимма лачкъа а йина, ялтийн кедаца хийца ца яьхьча, 1едало луш йолу пакет  доьзална аьттехьа а ца тоьара. Мацалла яхъеллера нахехь. Амма, Рахьимна хаа а хууш, цхьана дас кха т1ера цхьа а картол, цхьа а хорсам, цхьа а хох хьур бацара. Хьенеха яьхьнера аьлла шена хеза, цун¬на т1аьхьара ца волура, къаро е айхьа яьхьна алий, бохуш.
Цу поселкехь комендант вара Бондаренко фамилии йолуш. Нохчаша х1уманаш лечкъайо, аьлла ша шозза-кхузза бригадире мотт тоьхча а, цо довдар бен, х1умма а царна ца дича, Бондаренкона т1е вахара Рахьим.
«Картошка, лук, марковка, все воруют чичены бандиты. Ох! Ни могу остановить!» — къа-бала ялхийра Рахьима. Коменданта цу дийнахь иза башха тергал а ца вира. Цхьа тамашийна, оьг1азе  б1аьра  а хьаьжна, 1адда 1ийра.
 Коменданта соьга х1инца дуьйнна къола динарг шега схьавийца аьлла. Кхул т1акьхьа цхьа картол, цхьа хох баьхьна хаавелларг, ас д1а а язийна, цуьнга д1алур  ву   шуна!   Хезий шуна?! —шен кегий, мокха б1аьргаш д1аса а идош, чукхийссалора  Рахьим, астаг1а лелхаш, д1аса а уьдуш.
Цуьнах зударий  ч1ог1а кхоьрура. Т1аьхьашха лен а лера. Делахь а, хьаькамашна юкъахь цхьаъ мукъане а шайниг хилар г1оле хеташ, садеттара. Са ца диттина церан дан х1ума а дацара. Иза д1а а ваьлла, цхьа кхин х1оьттича шайн  г1уллакх кхин  а вон хир ду - моьттура.
Учетчик шега бог1ург а, цабог1ург а болх беш хьийзаш гуш во¬лу бригадир цунах воккхавийна а ца волура. Бригадир ша тубер¬кулез йолуш, г1ийла стаг вара. Т1амт1ехь 1ийна, чевнаш хилла а вара. Рахьиман дагахь дара, иза кестта лийр ву, т1аккха ша цуь¬нан  метта бригадир х1уттур ву. Иштта д1а, волу-волуш, лакха вер ву.
Тахьана сарахь юха а комендантана т1еведира Рахьим, аренгахула хахкаелла йог1учу цуьнан тарантасах б1аьрг а кхетта. Ког бацара Бондаренкин. Наха дуьйцура, и ког Бондаренкин кема лаьттах кхеттачохь баьккхина, цу кеман чохь иза к1ираца гергга 1ийна, бохуш.
      — Комендант! Х1е-й, комендант! Товарш комендант! На, пасматри! — д1акхийдадора Рахьима цуьнга цхьа кехат, ведда вахарна, халла са а доь1уш.
          - Х1ун ю х1ара? — схьаийцира коменданта цуьнгара кехат.
          Кехата т1ехь бага а 1уьттуш, шекъа долучу к1оламца  яздина дара:
         « Вахаева Айайст — вчира на живот много картошка унес.
  Ахмадова Зара  —вчира  ноч  украл два  капуста.
  Дикаева   Маймунт   —   сигодня   под   живот   унес   картошка»
 «Под живот» — бохург, шен дагахь, «четахь» бохург дара учётчикан.
      -  Что это? — цецваьлла,  хаьттира Бондаренкос.
    -  Это наши чичены — бандиты воровал! — дозаллийца дуьйцура учетчика.
   Цхьа тамашина Рахьиман б1аьргаш чу а хьаьжна, кехат кисана а диллина, ондда говрана шед а тоьхна, д1аэккхийтира Бондоренкос тарантас.
   «Вайтта аш! Цо йийр ю шуна шун болх х1ин-цам! Чу йохкахьара цо шу, жоьлгаш! — т1аьхьа хьоьжура Рахь¬им. — Х1умма а дац. Ма лечкъае! Х1орш, хьаха, бац кхера ца бича соцур болуш! Суна дика бевза х1орш…»
   Х1етахь дуьйнна Рахьима зударшца девнаш к1езиг дохура. Шена х1ума хьош гинарг а, бер, я воккханиг вала воллу олий, балха ца йог1уш ц1ахь сецнарг а, кехата т1е д1аязйора.
    Кехаташ т1ехь дуккха  а  ц1ерш  гульеллера.
     Малх тоххарехь кхехкачу аренна т1ехьа  а  лечкъина, бода боьллера. Тийналла х1оьттанера  поселкехь. Къайллах, цхьанна  а  гой-техь ша, бохуш, юха а хьоьжуш, наггахь водий, б1аьста хиш хьовхучу хорша а волуш, комендент вехачу х1усамехьа вахара Рахьим.
   — Х1ун  оьшу хьуна? — шен 1асанаш а луьйцуш аревилира комендант. 
   — Х1ан, х1ара кхин  а  ду хьуна, — д1акховдийра учетчика кехат.
    Комендант  г1еххьа  лаьттира, ша х1ун дича бакъахьа дара-техь бохуш, ойла еш санна. Т1аккха хаьттира:
    — Д1огахь 1ина йистехь даьлла цхьа лекха ши тал гой хьуна?
       - Го!— сихха корта ластийра Рахьима,
       -Цигга  д1аг1ол, со хьуна т1аьхьа вог1у хьуна.
    Рахьим шен кога ма воллу ведда, астаг1а а лелхаш, ши тал долчу д1ахьаьдира.
     Х1етта цкхакхаьчна, д1ах1оттийначу шен тарантаса т1е а хиъна, комендант цунна т1аьхьа вахара.
     Дег1ана зоьртала, онда стаг вара Бондаренко, ткъей пхийтта — шовзткъа шо хан хир йолуш.
       - Г1о дел суна кху т1ера охьавосса, — элира коменданта, ша Рахьимна улло кхаьчча. Вукхо, ведда т1евеана, доггах г1о дира.
— Ирх дахийта куьйгаш! Сволочь! — мохь хьаькхира Бондаренкос, т1е тапча а ерзийна. К1еравеллачу Рахьиман настарш егайора. Ши куьг шен ма хуьллу лекха хьаладахийтинера къонахчо. Иза вистхила а, мохь хьакха а ца ваьхьара. Дерриге а цуьнан инзарвалар, кхеравалар гойтура къаьрзина, хье т1е бевллачу шина баьрго, дегочу моччахало.
— Х1инца т1ехьадахийтал куьйгаш! — мохь хьаькхира комен¬данта.
          Рахьима куьйгаш сихонца т1ехьа дахийтира. Улло вахана, цхьана т1ергаца Бондаренкос  и ши куьг д1адихкира.
      - Охьайижа стукач, предатель, сука!.. — мохь хьаькхира ко¬менданта.
      Рахьим лаьтта охьавуьйжира. Мийра тоьхна, бертал верзийра иза Бондаренкос. Т1аккха, меллаша вахана; шен таран¬таса чохь 1уьллу диг схьаийцира. Дагарх б1аьрг кхетча. Рахьи¬ман ши б1аьрг къаьрзина хье т1ие белира. «Хьо х1ун дан воллу? Х1ун дан воллу хьо? Ас бакъдерг ца яздина моьтту хьуна?!!»
     - Вист ма хила, хьайна вала ца лаахь! — диг хьалаайдира коменданта. Рахьим сихха д1атийра.
     Таллана улло вахана, диг тоьхна, цхьа стомма сара баьккхира Бондаренкос. Рахьимна улло а веана, леккха ирах а оьхуьйтуш, цуьнан к1едачу метте шен доггах сара бетта волавелира иза.
 Сара мел кхийти, лазавой, мохь балахь а, шен дагахь хазахеташ 1уьллура къонаха: сара бетташ  хилча, диг ца деттаре дог дохура...
Т1аьххьара а ша волуш, кирзовый итиг юьйхинчу когаца бетах цхьа мийра тоьхна, «хьо санна йолчу боьхачу х1уманаша яьккхина дакъаза ерриге а советан пачхьлкхе!» - элира. Цулт1ехьа Рахьим 1илла а витина, шен тарантасана т1е а хиъна, онда говрана шед а тоьхна, д1авахара комендант.
 Хала хьалаг1аттавелла, дехкина зуд санна юх а лестош, нахана ша гарна кхоьруш, хоршахула теба а тебаш, ц1а хьаьдира Ра¬хьим, шен т1ехьадихкина ши куьг, лозучу меттигна т1е ца 1иттадалийта, ма татталу д1а а теттина.
Цу сарахь хилларг я коменданта а, Рахьима а цхьанге а ца дийцира.


**

      Рахьимна юьхьанца дуьйна ца везара Расовхьаьжа. Иза наха лорура. Нахана везара. Иза, ур-аттала, казахашна а, оьрсашна а, кху поселкехь мел вехачунна сийлахь а, веза а хетара. Иза Советски Союзан Турпалхо вара, Рахьиман некха т1ехъ х1умма а  яцара. Цуьнан басаяьлла йог1учу кителан белшаш т1ехь погонаш а яцара. Цундела доггаха хазахийтира Рахьимна иза  чувоьллина аьлла  шена хезча.
   Т1етаттаделла 1едалан г1уллакхаш дукха долуш, зуда яло ларийна вацара Рахьим. Х1инца, кху мецачу арахь майранаш белла бисина зударий а, да-нана делла, верас воцуш бисина мехкарий а, дуккха а бара. Уьш, дукхаберш, хасстоьмаш лелочу  звеношкахь балхахь а бара. Рахьимна хетарехь, уьш муьлха а хир яра кхуьн-га маре ян реза.
    Амма Рахьима кхин къастийнера. Расовхьаьжа  схьаволуш-м цуьнан догдохуьйла а шен йоций хаьара учетчикна. Х1инца, хетарехь, парг1ато яра. Х1инца ша цхьаъ яра иза кху дуьненчохь, уллохь гергара стаг а воцуш. Ша цхьаъ яра, эрна арахь хьалакхиъна акхтаран синтар санна — Расовхьаьжин цхьаъ бен йоцу йо1, цу аьхка берх1итта шо кхаьчна Сепет.
    Юткъа, лекха, 1аьржа б1аьрг-ц1оцкъам долуш. Мацах заманчохь цхьана ламарочо Гуьржехарчу бацошца къевсина ядийна ялийна хиллера боху цхьа хаза зуда. Цул т1аьхьа бацойн цу нахаца  дов даьлча и берриге а шен стунцахой ша волчу схьабиллина, баха охьаховшийна а хилла боху цу ламарчо. Уьш т1ебита реза боцуш хьийзинчу нохчашка аьлла хилла боху ламарочо: нагахь х1орша вайна ямарт хилахь, мичча хенахь а х1орш г1овттийна, д1абахийта йиш ю вайн! Иштта, цу «г1овттийна» бохучу дашах  тардина г1аттой аьлла ц1е а тиллина, бисина хилла бохуломахь  нах. Оццул хала яллийначу зудчун йоь1ан йоь1ан  яра Сепет. Хазаллина юьйцуш хилла шен йоьазлаг1а нана мухха хиллехь а, мел б1аьрахьажарх 1ебар воцуш, хаза яра Сепет.
1944-чу шеран б1аьсте а, аьхке а Сепетана цергаш хьекхош, цуьнца эвхьаза вала аьтту ца нислуш д1аелира Рахьиман. Да чувоьллна йо1 дукха ч1ог1а  сингаттаме а яра, садаьхьча санна.
Хьалхе еара цу шарахь шело. Я Кавказера баьхкинчарна хета а хир дара иза иштта. Шийла, лач т1едетта дог1а, 1аьржа стигал. Дукха деха а, меца а хир долуш дара и 1а, генара балийначу кху наха шайна ца бинчу кечаме хьаьжча муххе а.
Ша санна цхьана йиссинчу йо1аца Азманца 1аш яра Сепет. Г1ийла яра цаьршиннан х1усам. И г1ийла йолуш а, шина йо1е 1аьнна цхьа к1еззиг мукъа кечам ца бабелла а г1адвахана, воккха веш 1ара Рахьим. Цаьршиннан г1уллакх декъаза мел хили, ша дагалаьцнарг атта кхочуш хир долуш санна хетара цунна.
     Картолаш схьаяьхна а, колхозан склада чу эцна а бовлуш бохкура звенохь берш. 1уьйранца а, суьйранца а ч1ог1а шийла хуьлура. Цхьана сарахь юьстах яьккхира Рахьима йо1:
     -  Сепет, ахь 1аьнна юург кечйиний? — къежира иза шен можа, хийра цергаш гучу а йохуш.
     -    Х1ан х1а.
     - Сан вордан чохь ши  мачтий ю.  Ас юьург ю, хьо цхьацца х1ума лахьо. Бригадира а, коменданта а бакъо елла сунна.
     - Маца?
     - Тховса.               
      - Азман яло мегий?
 - Х1ан-х1а. Дукха  хилча, гучудевра  ду вай, наха цхьацца дуьйцур ду. Юха доьлхуш юьгур вай иза а.
 Шийлачу мохах лечкъаш, тужуркий юккъе а лечкъаш, вордана а хиъна, д1айоьдура Сепет Рахьимца суьйренан есачу аренгахула. Цхьа а некъ бацара хьалха. Рахьимах тешна, д1айоьдура иза. Рахьим ханна дуккха а воккха а вара. Ч1олакх а вара. Цу т1е, массо стаг а шена диканиг дан кийча ву а моьттура йо1ана. Хаьара, шен дега хилла безам шега схьабирзиний, мелла бирзинехь а. Нах берраш цхьаъ бу моьттура. Рахьим а  - царех цхьаъ.
Рахьимах б1о алсам а булура. Х1унда аьлча — иза хьаькам лелла стаг вара. Сепетана ца хаьара иза шен дас мича барамехь лоруш хилла. Цуьнан даг чохь хиндерг-м йо1ана аьттехьа а дагахь а дацара.
      - Сепет, хьо х1инца цхьана йисина-кха. Ма дика, тешаме накъост оьшура хьуна, — д1адолийра Рахьима. Йо1 йист ца хуьлура. Дерриге а карладаьлла, цуьнан б1аьргаш т1унделира.
— Ч1ог1а г1айг1а ю суна хьан, — юха а дуьйцура Рахьима. — Эхь ца хеташ болчара-м шайна картолаш идийна а, кизяк лечкъийна а, кан лахьо ихна а, г1айг1а бинера. Хьо ма яц хьайн г1айг1а бан  хуур долуш а, я бийр болуш а.
Узарш деш ца елхахь а иштта, х1инца санна б1аьргех дуккха а хиш д1аихча, балано буьзна кийра басталуш санна хетара йо1ана. И х1ума 1еминера цунна  шен да д1алаьцчихьанна. Х1инца а, б1аьргех эха дуьйладелла хиш тужуркин пхьуьйшашца д1ахьоькхура цо.
— Ма елха, Сепет! Елха ма елха! — йоь1ан коьрта т1е тиллинчу мокхачу бойна т1ехула охьа дай куьг хьаькхира Рахьима, — ас цхьана юьтур яц хьо! Хьо реза хилахь, ас цхьаний х1уманан г1айг1а ца хуьлуьйтуш, ирсен яха хаор ю хьо!
Сепета цхьа а тидам ца бира «хьо реза хилахь» бохучу дешнийн. Рахьиман-м, шен дагахь, цу дешнаша шена кхид1а а ша дагалаьцначунна улло г1орта некъ ло моьттура.
— Со цхьана стаг ву, Сепет. 1едалан балхахь къа мел хьоьгу, сайн х1усам кхолла а аьтто ца хилла. Бан безаш-м ца хиллера и белхаш! Гой хьуна, НКВД-н органашкахь масех шарахь валарний, висарний  юккъехь къахьегна волу со, кхин болх ца луш, учетчик а хоттийна латтош ву? Цабеза кхарна нохчий, шайн б1аьрга бан. И вайн ност йоцу комендант а ду цхьа боьха ж1аьла! Нохчий ца безаш леш воллу. Шен аьлларг хилча, вуьйр вара цо ша масса а! Цундела вай вовшийн г1ортораш хила еза. Вовшийн сий дан хаа деза. Ас кху вайн бригадера чу ца вуллуьйтуш масса стаг к1елхьара ваьккхина хаьий хьуна? Хаьий хьуна? - йо1 шен б1аьра схьахьажийта г1ертара Рахьим.
—Хаьа, — бен а доцуш элира Сепета.
- Ткъех стаг-м ваккхийтина! И цара лечкъош ц1а кхоьхьуш йолу картолаш, хохаш, ж1аьнкаш хьаькамашна ца хаьа моьтту хир ду царна. Дерриге а дика хаьа. Вуьшта, хуур дара-кха со кхузахь вацахьара. Тоххара лагере д1ахьажийна хир бара берриш а! Вай нахана, бинчух дика болх-м хир бацара. Шаьш кхерош верг бен дош ца хета вайнахана! Маржа я! — эццигехь, «маржа я1 ша хьалха санна НКВД-ехь балхахь- воцу» — бохург дагаданера Рахьимана. Амма ца элира. Ойла йира. «Ванах, ас деха стенна дуьйцу кхуьнга? Хала стенна дуьйцу? Со санна доьналлехь а волуш, т1ахъаьлла къонаха мичахьара вер ву  кхунна кхин? Х1ара-х мацалла лийр ю, 1аьнаха муха яла йоллу х1ара, 1овла 1ахар санна экама йолу?
— Сепет!
—Х1а-а?
- Сан ц1ийнанана яц, доьзал бац, хьуна ма гарра. Цхьана стаг ву со. Хьо а ю цхьана. Вайшиъ вовшахкхетча х1ун дара-техь?
Сепета ойла йора, цо муха боху ца хууш. Иза къежа а къежаш, шен б1аьра къерза воьлча, кхераелла, элира.
— Х1ан-х1а. Баркалла. Со Азманца 1ийр ю.
— Вуй, Азманца 1ийна ер юй хьо гуттара а? Азманна а карор ма ву цхьаъ. Азманца 1ерах х1усам шийла хир ма ю хьан! Ас хьуо мел хьоме, эсала, хьоьстуш лелор ю ца хаьа хьуна? — куьг юханехьа даийтина, йо1 шена улло хило г1оьртира Рахьим. Сепет кхераелира. Х1инцца бен шерра ца кхийтира иза Рахьиман дехачу хабаран маь1нех.
Юхакхоссаелира йо1. Къонахчунна т1е къаьрзира цуьнан баккхий, 1аьржа, башха  б1аьргаш. Рахьимна х1инца алсамхо а къаьстира цу б1аьргаш чохь доьналла, аьрхалла. Х1уманна т1аьхьа дада алсам дог дог1у ж1аьлин, и х1ума шена хьалхара д1аедча. Иштта амал яра Рахьиман а. Шена дуьхьал яьллачунна т1ег1ортар ч1ог1а марзделлера цунна.
  «Ма бакъ дац, йо1, хьуна моьттарг. Кху эрна арахь  булуш  лаьттачу боданехь, г1елонна д1акъовкъа йоллуш йолу хьо а ца къарийча, сох дан а х1ун дора?»
   Говран архаш д1а а хецна, йо1ах тасавелира Рахьим. Амма Сепет, ч1ара санна керчина, карара елира. Ворданна т1ера охьа а иккхина, боданечу аренгахула д1аедира. Т1аьхьавадарх, астаг1чу настарца иза шега схьалацалур йоций хууш, говр-ворда юхаерзон вуьйлира Рахьим. «Саца! Собар де! Собар де, х1ай, 1овдал, асам-м забар йорий!»
 Сепетана хаьара Рахьима забарш ца йой. Иза кхераеллера. Цунна хьалха лаьттара шена т1екхеташ  Рахьиман къегина шиб1аьрг.
Дог1анан хиша даьккхина харш дара. Цул дехьа елира Сепет. Ворданца цул дехьа валалур вацара. Едда, бодашкахь д1аяйра йо1.
Буьйса юккъе яххалц лийлира Рахьим хоршаца хьала-охьа, йоь1е мохь бетташ. Аддам а дуьхьал дист ца хуьлура.
Сепет Рахьимца д1айоьдуш гинера Азманна. Йо1 ц1а ца еъча, цо хаьттира, иза стенга яхана, аьлла. Рахьима иза яйна, шена кара ца йира аьлла дийцира йоь1е. Амма иза яран бахьана ца дийцира. Догдохура ша схьакарийча а, йог1а цу хьокъехь нахе х1умма а ца дийцаре.
Поселкехь мел болу нах: нохчий, оьрсий, казахаш, украинцаш, немцой, берраш а арабевлира йо1 лаха. Доггах йоь1ан г1айг1а хилла, иза лаха хьаьддера 1абдурахьман а. Иза-м, цхьана некъа т1е 1оттаелла, цу т1ехула  луларчу поселке кхаьчна хиллера. Цигарчу нохчаша юург а елла, йох а йина, са а да1ийтина схьакхетийра.
 Сепетан яр бахьана хиира нахана. Оьг1азбаханчу божарийн барт хилира Рахьим йиттина, йиттина упада ваьккхина, поселкера лаьлла. Цу т1е даллалц ца 1ийра Рахьим. Иза заявлении эцна вахара районе, ша нохчашна ца веза НКВД-ехь болхахвийна ву бохуш, шайга къолаш ца дойту бохуш... дерриге а и саннарш дара заявлени т1е яздина. Таьххьара а т1етоьхнера, шена харц ц1е тиллина бехк боццушехьа ямартчу нохчаша...
Поселкера бахархой халахетта ца хьаьвзира Рахьим д1авахарх. Кестта иза цхьаммо а дага аца лоцура.
 Рахьиман дагара оьг1азалла-м мелхо а ч1аг1ъелла, маззакъоьллера. Иза областерчу НКВД-ен куьйгалхоша цхьанхьа-м деша вахийтина бохуш ха¬бар а хезира.
Цу 1ай Сепет 1абдурахьмане маре яхара.



 

 **
Иза дара 1983-чу шеран август баттахь.
«Шатайпа берзалой ю и хьалара нах. Къийсалахь, чекхвер вац хьо цаьрца. К1ирца к1отарахь 1ийнарг, баттахь 1овдал лаьттина» аьлла вайн дайша. Хьа-хьа-хьа! Дер бу уьш тамашийна нах, шай¬на луучу т1ера бевр боцуш.
  Делахь а, иштта башха хала а хир дац хьуна цигахь. Халахирг хилча, ас хьажор а вацара хьо цига. Кест-та 1а доьр ду, т1аккха сапсем дан х1ума а хир дац хьуна цигахь. Дакъийна жижиг а дууш 1ийр ву хьо, юха б1аьста бажа хьалабаллалц. Кест-кеста ц1а охьаван а мегар ду хьуна. Хьайна лаахь. Вуьшта, х1ун хаьа, хьо цигахь цхьана Пет1амата д1асацавой а! Хьа-хьа-хьа!.. – хетарехь, самукъане стаг вара председатель.- Вайшиъ ваьшшиъ волчохь аьлча, олуш дерг хаза а олуш, болх байта хьажа хьо цаьрга. Хьуна адамийн амал а евзар, жима куьй галла дан а 1емар. Цундела барт хилла санний, юьртабахаман урхаллин начальникан Висайт Хумидовичанний хьо Хойбаха бри¬гадир вахийта. Т1аьхьа хиндерг гуш хир ду вайна. Ахь хьуо цигахь ма гайттара д1аг1ур ду хьан г1уллакхаш к1ид1а а. Вайн-м дукха бац агрономийн дипломаш керахь а долуш, партехь а болуш, говзанчаш. Хьо зен войур вац вай, дала мукъалахь. Хьан да 1абдурахьман а ву ч1ог1а наха лоруш, оьзда стаг. Хьо 1овдал ца хилахь, хьанд да а воккхавер ву ахь, атта сискал а юур ю ахь!»
Колхозан председателан Къосуман и дешнаш х1инца а шен лергаш чохь декаш санна хетара, институт чекхъяьккхича, шена дас 1абдурахьмана эцначу коляска йолчу мотоциклана т1е а хиъна, лома хьала г1ертачу Ибрах1имна. Дуьхьал лаьттара цуьнан х1иллане, уьду б1аьргаш, дешех юьзна, можа бага, севсина беснеш, цатовш схьадеана, доккха гай.
Ногъетташ, хьийзаш хьалабоьдура ламанан готта некъ. Керчара къоначу агрономан ойланаш а. Цкъа делахь, воккхавера ша дуьххьара тахана д1аболочу балхах. Шоллаг1а делахь, ца кхетара, цец-вуьйлура: «Нах 1овдал бу цигара», «к1еда-мерза хила цаьрца»... «хала а хир дац хьуна»... — иштта деш хуьлу куьйгалхочо керлачу белхахоче къамел? Х1ун ду иза, со жима хетар ду, я со зен г1ерта те иза? Муха бойтур бу нахе болх, царна хьеста а луш? Болх ца бича бовлий уьш? Я бригадир а х1ун оьшу царна, цигахь дан х1ума ца хилча? Х1ан-х1а. Билггал со зен г1ерта иза. Дера г1ерта!..»
Уггаре а сиха хан яра лаьмнашкахь, докъарш кечден хан. Лома ша хьала мел г1оьрти а, терго йора бригадира маь1-маь11ехь, басешкахь, боьранашкахь кесарш туьйсуш, я литтанаш довдийна лелачу нехан. Безам хетара цара лелориг. Хьаьгнера сихха шен бри¬гаде д1а а кхаьчна, цу балхана юкъа воларх...
Къегина кхеттачу малхо серлаяьккхина 1уьллура ерриге а рай¬он. Кху ломан басера охьахьаьжча, шерра къаьстара дукхахйолу ярташ. Ног тухуш, ломан басахула некъ д1а-схьа мел хьаьвзи, лаха чохь х1оразза гучуйолура колхозан юккъера юрт — Жихала. 
Кхузахь  дара Ибрах1иман ден-ненан 1абдурахьмананне, Сепетанне ц1а а. Кхузара охьа¬хьаьжча а гора к1антана баьццарчу стоьмийн дитташна юкъахь шайн ц1енойн кибарчигийн тхов. «Х1инца-м кест-кеста беттар бу нанас кху ломан басешка хьала б1аьрг», — ойла йора бригадира.
Ломан дукъа т1ехь, йохъеллачу мотоциклах мох а кхоьтуьйтуш, цхьана байн акъарий т1ехь садо1уш сецира Ибрах1им. Ломан шина аг1онера сеналло хьулйина, делкъе баьллачу малхо тов г1иттош 1уьллу 1алам цхьана инзаре доккхачу суьрта т1ехь санна, шерра дуьхьалх1оьттира к1антана х1инца.
Ломана т1ехьашхула д1акхерстинера Хойбаха боьдучу некъан т1улган к1айн аса. Некъана аьрру аг1орхьа, даккхийчу, горгачу лаьмнашна юкъахь, сийначу стиглан цхьа маь1иг схьа а хадийна, юккъе йиллича санна, тийна 1ара Хойбахан 1ам.
Х1ара меттигаш гарах хьаьгна долу Ибрах1иман дог, цхьа башха айаделлера. Дагаяьхкира ша цхьа иттех шо хьалха дуьххьара кхуза кхаьчча язйина стихаш:
Ламанийн баххьашна юккъехь,
Хеталуш гинчунна г1ан,
                Эсалчу нускалан суьртехь,
Тийна 1а Хойбахан 1ам.

Ворх1 вешин хьомечу йишех
Суна и таккха тарло.
Ламанийн-вежарийн белшех
Хьекхалуш, и хьестало..

...Маржа Хойбахан 1ам, хьайна мел гинарг хьан схьадийца йиш елахьара!.. Масане тамашийна сурт х1оттийна хир ду хьан сирлачу куьзган чу хенан йохаллехь...
Цхьа гена-генара, ца къаьсташ, вон гина г1ан санна, дуьхьалх1иттадора Ибрах1иман ойлано и мацах заманчохь хилла боху денош... Х1ара ду и шира дай баьхна, малхо къагийна латта.
Ц1еххьашха къежира к1ант, шен ден вашас Гинардукъас дийцина цхьа ткъех шо хьалха хилларг дагадеана.
Жа дажош хилла цхьа ши ламаро. 1ома йистехь, дийна делккъехь ах ерзина а яьлла, т1амарш д1ай-схьай лестош, д1айодуш, схьайодуш, месаш охьа а охкийна, уьдуш хьийзачу зудчух б1аьрг кхетта царех цхьаьнна-м. Цу балхо дукха ч1ог1а цецваьккхинчу царшиннах цхьаммо муьшка йина шен накъостана:
«Хьажахь, хьажахь! Хьеръели-кх и 1аьндичун зуда!»
«Ошшаду, ошшаду!!! Х1ай, мисканиг я1! — цецваьлла накъост а, — Валлах1и-биллах1и, цуьнан майра ц1а а-м ца вирзи, цунна и болх хиллалц!»
«Х1инца х1ун дан деза?»
«Дера вайшиммо иза схьа а лаьцна, шайн ц1еранаш схьакхаччалц д1а ца ехкахь, иза цу 1ома чу а иккхина, яларан сахьт-м дац!» — аьлла накъоста.
«Валол х1ета, 1ачохь дац... Хьо го баккхе, т1ехьашхула т1е вола, со кхузашхула тебна-а, улло воьду хьуна. Ломах хьала иза ядалур яц. Х1уъа дина а, хих къахко еза иза, т1аккха схьалацалур ю вайшинга!»
Лечкъина-а, т1еваханчу шина 1уьно т1екхетта, схьалаьцна, къевллина марайоьллина т1амарш лестон зуда. Шийла мохь баьлла зудчуьнга:
«Вовка-а-а! На по-омо-о-ощь!!! Краду-ут!!!
Т1аккхий бен б1аьрг ца кхетта шина 1уьнан гена доццуш, тоьхначу четарх а, цунна уллохь, воьхна лаьттачу кху мехка воцчу къонахчух а.
Шаьшшиммо лаьцнарг 1аьндичун зуда цахиларх а, иза кхетамчохь хиларх а кхеттачу шиммо д1ахецна важа-м.
 Дуьххьара иштта бевзина кхузарчу нахана «туристаш» олу нах. Х1инца-м цец бевр бацара ламарой, цара х1уъа лелийча а... Масане гина царна уьш кху т1аьхьарчу заманчохь.
«Доккха ирс ду-кх кху лаьтта т1ехь вахар!» — ойла йора Ибрах1има ламанан 1аламан хазаллех ца 1ебаш.
Ибрах1им садо1уш 1ачу ломан дукъа т1ехь Дег1астанара охьайог1у кира лелон шиъ машен сецира. Кабинаш чуьра охьабиссина, к1анте салам а делла, бай т1е охьатесначу шаршу т1е юург-мерг охьаяхка буьйлабелира дег1астанхой.
— Схьавола, х1ума кхалла тхоьца, — нохчийн маттахь схьакхайкхира царех цхьаъ Ибрах1име.
— Баркалла! Дог дац сан, — эхь хеташ, жоп делира к1анта.
— Ваххь! И бохург х1ун ду? — Цецвелира 1аьнди. — Оха нох¬чийн сискал-берамаш мел дукха диъна хаьий хьуна? Хьуна х1унда хета    тхан    хингал    даа    эхь?     Схьахила     цкъа     тхуна     улло!
Оццул ч1ог1а аьлча, бакъахьа а ца хетта, улло вахара Ибрах1им. Хингалш хила а хиллера мерза.
— Х1окху шун машенийн серийш «АСД», «СТБ» х1унда ю?
Х1орш мичара евлла шуна? — Хаьттира Ибрах1има цхьана хенахь.
— Х1орш тхуна Саратовера а, Астраханера а елла ю, тхо долчохь мохк бегийна болуш. Доттаг1аша елла йолу дела, церан сийнна йитина оха и номерш ца хуьйцуш, — дийцира нохчийн мотт хуучу 1аьндичо. Вукхара а кортош лестадора, кхаршиммо дуьйцу-чух кхеташ.
— 1а дика йойла!
—    1а дика йойла! Баркала! Некъ дика хуьлда шун!
—    Баркалла!
   Д1асакъаьстира некъахой. Хьанна хаьа, кхин вовшашна уьш го, я ца го. Шена цкъа а бицлур боцуш санна хийтира Ибрах1имна 1аьндийн хингалийн чам.
  Мело-о мох хьаькхира. Малхбузехьарачу лаьмнийн даккъашна юккъера г1аьттина, цхьа дахкаран марха елира гучу. Стигла-м екхна яра. Шен мотоциклана улло вахара бригадир. Иза меттаха ваьлла валале, лаха басера хьала а иккхина, кхунна уллохь сеци¬ра гата тоьхна жима машен.
— Салам 1алайкум! Накъост, хьо Хойбаха-м ца воьду? — схьа-кхайкхира цу машен чуьра шофер.
     - Ваха дагахь-м ву со. Х1унда бохура ахь?
     - Х1ара цхьа керла хьехархо яра цига школе д1акхето езаш. Д1аюьгур яцара ахь х1ара? Ч1ог1а сиха ву-кх со, х1инца, д1а ма-вахха заврайоно эцна Грозне ваха везаш.
Х1инцца б1аьрг кхийтира Ибрах1иман машина чохь леррина шега схьа а хьоьжуш, хиъна 1ачу йо1ах.
      - Дер юьгур ю. Йоь1арий сов бевлла дац вай-м, — забар йира к1анта.
      - Эх1! И але вон ма лелалахь, — г1ад вахана, охьа а иккхина, хьехархочун чамда охьаэца х1оьттира воккхо хилла вог1у районо-н шофер. Ибрах1им г1ехь воьхна лаьттара, йо1ана т1е ши б1аьрг а боьг1на.
       - Дохко-м ца вели хьо? — йистхилира йо1, — хьайн конкина т1е хаа ма ца олу ахь?
К1ант бехкала вахана къежира. Амма йо1-м кхийтира, ша кхуьнан ойла цу сохьта г1еххьа меттаха яьккхина хиларх.
        - Х1ан! Со ваха. Ас хьайга д1а ма-яллара, д1акхачор ю ахь иза!
- Х1ара-м ас ца кхетаяхь а, ша д1акхетайойтур йолчех тера ю!- забар  йира Ибрах1има.
         Къежна, берриг кхема гучу а баьккхина, д1аиккхира районо-н шофер.
— Сох иштта «б1оба» таръели хьуна? — к1анте хьаьжира хье¬хархо, Ибрах1иман мотоциклан коляски чохь д1а а нислуш. Цецваьлла ца волура къона бригадир, сел хаза, схьагарехь, х1инцца бен ткъа шо а кхачаза йо1 къийла а ца луш, майрра, мила ву а ца хуучу шеца, кху акхачу лаьмнашкахула д1аян резахиларх.
— Б1оба яцахь а, б1обин к1орнех-м жимма теро-о ю хьо.
— Х1унда боху ахь? – цецъелира йо1.
— Ас хьайга бакъдерг дийцича кура ер ма ю хьо.
     Цкъачунна д1атийра йо1, х1умма а ца олуш.
    Меллаша йохуьйтура Ибрах1има мотоцикл.
    Готта тиллинчу косынки к1елхьара мохо д1аидайора жимачу хьехархочун хьаьрса месаш. Ибрах1има наг-наггахь б1аьрг тухура цуьнан к1айчу пхьаьрсашка, хазачу логах.
— Ц1е х1ун ю хьан? — хаьттира к1анта.
— Лайса ю.
— Соьх Ибрах1им олу наха.
Юха а дист ца хуьлуш дог1ура къона шиъ.
«Стийнан ойланаш йо те Лайсас? — ойла йора к1анта. — Со к1еззиг а безамехь хеттий те кхунна? Ца хета бахьана-м ма дац».
 Ибрах1имна хаьара, ша мехкаршна ирча ца хетий. Жима волуш говро мийра тоьхна аьрру аг1орхьарчу ц1оцкъамна т1ехула х1оьттина цхьа буткъо муо боцург к1ентан куьцехь, оьздачу дег1а т1ехь а цхьа а дерт дацара. 1аьржочу аматера юьхь-сибат а нийса, безамехь дара. Къаьсттина мехкарий 1ехош дара Ибрах1иман къажар, юхахьаькхна луьста месаш, аьрха хьоьжу б1аьргаш...
— Хьо Хойбахара вуй? — хаьттира йо1а.
— Вац. Со а ву-кх тахана хьо санна, дуьххьара цига балха вог1уш.
— Ахь боккъала а бохий?! Хьехархо-м вац хьо?
— Вац. Хила луур-м дара суна.
— Х1унда?
— Хьоьцанна болх бархьамма.
Йо1 луьйчуьра сецира, забарш гена ца йохуш.
— Т1е муха оьцур ду техь вайшиъ кхара? Соьга-м цхьа ша-тайпа нах бийцира х1орш, — элира к1анта.
— Нах-м массанхьа а цхьаъ бара, шайца дика хилчахьана. — элира йо1а. Хеталора, цо цу   дешнийн хьалххе   ойла йича санна.
— Х1ун хьоьхур ду ахь берашна, Лайса?
— Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш а, литература а.
Мохо идайора йоь1ан коьртара готта тиллина сийна косынка. Г1ушлакхе баьлла чукъерза малх, леррина цуьнан хазачу, сийначу б1аьргаш чу хьажа г1ерташ, къахьоьгуш болуш санна хеталора. Ибрах1иман дог цхьа башха мерза, самукъане детталора и йо1 шена схьагушшехьа а.




     Меллаша йоьдура хан. Вовшешка лен а к1ордош лаьттара шина йийсархочунна. Угаре а халаниг, догэт1ош дерг – улло вог1уш а, шаьш дан леринарг дуьйцуш а аддам а вацара. Наггахь, ч1огг1а шега кхайкхича, хехо улло вог1ура. Царна хууш а, я церан лаамех дозуш а х1умма а дацара. Наггахь, шайна хезнарг, келла х1ума – м дуьйцура цара. Г1азакхий мича кхаьчна, т1емаш мичахьа беш бу, кеманаша  мича бомбанаш йиттина, мел адам дийна…
     - Вай дайина, кхачо г1ерта – кх х1орш боккъала а. Х1удича 1ийр баратехь х1орш, бехкбоцу нах ца байиш? Хьенах, стенах къахетта, эхьхетта, я озабелла? – хаьттира цу сарахь Хьасана Ибрах1име.
     - Эхьхета а, къахета а Делах кхоьруш хила веза. Озавелла, кхеравелла юхавала цхьана шел боккхачу, ондачу ницкъах кхоьруш хила веза. Делах х1орш кхоьруш бац. Вайгахьа г1о доккхуш кхерал ч1ог1а ницкъ а бац. Дуьссуш дерг цхьа1 дукха, мел дукха, ч1ог1а ойланаш йича а, и хьуна хьайна а хеа,  ас ца дийцича а, - жоп делира Ибрах1има.
     - Хаахь а, дийцахьа. Дагавала вайшиъ, - т1евирзира Хьасан.
     - Кунта – Хьажас дитина весет дукха! – шеко йоццуш элира Ибрах1има. – Дицделла хьуна?
     - Иза-м нийса боху ахь, - сихха резахилира Хьасан. – Эвлаяин хьехамаш а, весеташ а шеконашца кега а ца деш, кхочушда дезаш ма ду. И весеташ ша массо а ойланийн 1алаг1ожа лита а литтана, 1овда а 1аьвдана, схьадохуш ма ду, нах, къам кхи гуре ца лацайта. – Жима 1ийна, т1етуьйхира: - Ма нийса жоп делира ахь сунна, Ибрах1им, мичча аг1ор, муха хьовзийча а цу т1е дог1укха дерриге а: ма даръе Росси, ма 1итта цуьнан шин боллучу метте г1аж. Бита аьттан шин шура а йоккхуш. Дала цхьана х1уманна ма нисдина вай цу шина к1ел. Жуьгтий мел генара, мел халонийх чекхбуьйлуш г1ерта цу шина к1ел. Ткъа вай – Дала ша нисдина. Вуьшта, и жуьгтий и Росси йилбазаллица хьераяккха г1ерта, цуьнан берех алкоголикаш, наркоманаш, эвхьазаевлла акхарой ян г1ерта. Ткъа вай вешан инзаре оьздачу динца, хазчу  г1иллакхашца, деналлийца, догц1еналлийца Россехь массанхьа а вешан Нохчалла даржор дара.
     - Цуьнах кхоьруш ма туьйсу Йилбазо вайна юьккъе цим! – Доггаха элира Ибрах1има. – Россин къаьмнашна Росси оьшу. Россис вай т1егулдина, вайн дола до, вайна 1адда 1ен хиъчи.
     - Цул сов, бусалбан динне, керстан динне – ши ваша ду. Цара хьоьхург цхьаъ ду – ийманехь хилар, дуьненан рицкъане ваьш 1еха ца дайтар.
     - Шине дино а къолаш ма де, нах ма хьийзабе, харц ма ле, бакъо лелае, боху. Вайн ши дин вовшашца бертахь, оьзда 1ар ду Цилбазна угаре а ч1ог1а ца дезарг.
     Жимма хан елира цаьршинан къамел хаьдда, и шиъ ойланашка вахана, 1аш волу.
     - Вайн къоман кхетамал юха а хьалхадели Йилбаз. Вай кхетар ду, амма Йилбаз ша дагалаьцнарг кхочушдина дер ду. Иштта д1аг1ур дутехь х1ара гуттара а? – хаьттира Хьасана. – Х1ора шовзткъа – кхузткъа шо мел дели аьтто болукха Йилбазан цхьацца бахьанашца вай х1аллакда.
     - Вайн г1уллакх кхи а ч1ог1а галдер ду, нагахь Йилбазан Россехь кхоччуш керста дин дохо аьтто балахь, - элира Ибрах1има. – Керстанан дин д1адаьллачул т1ехьа берриге а г1ирсаш, ахча бусалбан дин дохо т1еберзор бу Йилбаза. Т1аккха вайна хала хир ду х1инцачул а.
     - Тахана Россехь керстанан дин леладо бохучарна юьккъехь шортта йилбазаш дац аьлла хетта хьуна? – хаьттира Хьасана.
     - Ца хетта. Делахь а, суьрташ лелайна а, Инжало бохучунца шаьш лелораг  нисда г1ертарг г1олехь ву мелла а Талмуд айдина лелачул.
     - Керста дин, мел халахеташ делахь а, кхи денлур дац г1азакхашка. И зама д1аяьлла, - ч1аг1дира Хьасана. Ибрах1им дуьхьала вист ца хуьлуш 1ара. – Росси к1елхьара йоккху ерг бусалба дин дара, цара иза т1еэцахьара. Бусалбан дино бен эшор дац Россехь Йилбаз.
     - Тахана-м Россина цхьа а дин оьшу моьттуш вац со, - доккхаса даьккхира Ибрах1има. -  Динна дола муха до шайн махкана, шайн хьолана а дола дан карах ца долучара? Берриге а шайн мохк жуьгташна  д1а ма белла цара, дола дан деналла а ца тоьъна.
     - Х1уманна сема бац уьш. Буьйшана дукха 1охку. Т1аккха, ц1оганна к1ел хи кхаьчча жима тохало.  и
     - Иза а нийса боху ахь, реза хилира Ибрах1им. – Тохабелча а цхьана бехкбоцчеран коча ца болхахьара бакъахьа дара. Вайн олуш ма хиллара, говрах лата ца ваьхьнарг нуьйрах летта.
     Х1инца, советан 1едал шаьш дохийначул т1аьхьа аьттонаш алсамбевлла церан.
     - И 1едал –м, ма дара аьлча, бакъ дохийнера цара, - эккхайтира Хьасана.
     - Х1унда боху ахь? – ца кхеташ, хаьттира Ибрах1има.
     - Дера боху цу 1едалехь хилларш ерраш а жоьлгаш хилла дела!
     - Уьш жоьлгаш ца хиллий хуур ду хьуна х1инца дебаш ерш хьайна йовзахь, - реза ца хилира Хьасана бохучунна Ибрах1им. – Х1етахь – м сих-сиха собранеш а еш, нахана х1у хетате, наха х1у бохуте, олай, бала а кхочура. Х1инца нахах вешаш а, наха бохург тергалдеш а цхьа а хьаькам а вац. Шайна луъурш леладо. Кара автомат а эцна, шена т1ехьа цхьа беркатдоцу б1о х1оттайнарг хьаькам ву. Ишттаниг мича леладойтур дара советан заманчохь?! Х1инца ша массо а Дела дагавоьхна леш ву ша, бохуш суьпаваьлла а ву, шен да вийна а, ахча доккхкр долуш а бу.
     - Аша а дукха йиира. Жимма мукъа колхозникашна кхачайтуш хиллехь, нах г1овттур ма бацара, - 1оттар йира Хьасана Ибрах1имна.
     - Х1инца, колхозаш, совхозаш йохийча х1у дикаболх хилла нахана? Цхьа а тайпа белхаш а доцуш биссина. – Жима 1ийна, т1етуьйхира: - И пекъарш букха Йилбазо ахчанаш а луш кху т1амна юьккъе ийзораш. Дан белхаш а долуш, нах д1анисбелла хилча хир ма бацара х1ара т1ом! И хууш болийна ма бу х1ара, цкъа хьалха мокъа нах а кхиийна шортта, т1аккха царна иштанехьа шортта герз а деккъа!
     Хьасан дуьхьала вист ца хуьлура. Гарехь, къийсалуш, цхьанна бехк била г1ерташ алсам самукъа долура цуьнан.
      Ибрах1им иштта вацара. Цунна массо х1уманан а духе кхиа леара. Массо х1уманан а бахьана гучу а доккхуш, вонаг д1адерзо некъ лаха леара. 
     Иштта яра цуьнан амал жимчахь дуьйнна. Х1инца, воккхахилча-м мухе а х1ора шен багах долучу дешан ойла йора.
     - Вайга Йилбаз иймане а далалур дац, я Росси к1елхьара а яккхалур яц, я иза бусалбан дине а ерзалур яц, - элира Ибрах1има. – Шега далун доцург т1елаьцнарг юьхь1аьржа хуьлу. Бусалбан динехь 1еламнаха муха боху? «Дуьненан х1ума х1орд санна ду. Х1орд цхьанге а малалур бац. Чами а эцай, юьххе а г1ой, шега малалур дерриг схьа а эцай, юьстаха вала». Цундела нохчашна шайга лелалун дерг муьлха ду а, шаьш лелайчи пайдехь дерг муьлха ду а, чекхдендерг муьлха ду а хаа деза. Вайна ваьшна и ца хаахь, нах бог1ур бац вай к1елхьара даха а, д1анисда а.
     -Цхьа х1ума т1е ма 1оттаделли вай декъало! – кхоссавелира Хьасан – Х1инца лелораг ца го хьуна – цхьаберш Америко схьакхуьйссучу долларша карзахбаьхна, вуьйш – Москвас схьалучу соьмаша. Шаьш буза меттиг лоху нохчаша сихха, вовшех баша некъ ца лоху. Массара а шаьш бусалбанаш ду а боху, массарна а улло динан дай ду шаьш бохурш а лелха, махьарна улло дехкий сана. Юьстаха а ваьлла, Дала а, холкъпана а вецаш вперг наггахь бен ца хуьлу. Т1аккха х1у бехк бу Делан вайна т1ехь Йилбаза х1уъа лелайчи а?
     - Цамгар ю нохчашкахь. И бакъ ду, - г1айг1ане элира Ибрах1има. -  Угаре а доьхнарг – цу цамгарха вай к1елхьара даха г1ерташ цхьа а вац. Я динан дай ду шаьш бохурш а, я яздархой ду шаьш бохурш а, я 1илманчаш ду шаьш бохурш а, я хьакамаш ду шаьш бохурш а. Доьхна г1уллакх ду, цхьа беркате тоба а кхиъна, цу тобано жоьпалла шена т1е а эцна, болх ца болабахь. Амма и тоба я долларех а, я соьмех а 1ехаяла езаш яц. Ша – тайпа ницкъ бу цу тобанехь хила безаш. Шен къомах дазалла дан бахьана карайна ницкъ. И ницкъ дебар бу кестта, Дала мокъалахь. Ца деба  йиш яц.

Мотоцикл саца а йина, гу йистера чу хьаьжча, ша ма-ярра дуь-хьалх1оьттира шира Хойбаха. Юьрта юккъехула чекхболучу готтачу урамна аьрру аг1орхьа ул-уллохь лаьттара т1ехула г1еххьа басаяьлла ц1ен байракх леста, еттинчу кибарчигийн ц1ай, сийна басар хьаькхна, аннех йина, не1арна т1ехула боккха аьчкан г1уй боьллина ц1ай. Хетарехь, т1ехула байракх лестачу ц1а чохь юьрта Совет яра. Г1уркхаца къевлинарг — туька. Аьтту аг1орхьарчу басонна йисттехь 1уьллу дукха кораш долу деха ц1а школа хила герга дара.
Бахархойн дукхахдолу ц1енош т1улгах доьттина дара. Цхьадерш, тишделла, гонаха а, кертахь а лекха яраш а евлла лаьт¬тара. Гарехь, дуккха а шераш девллера царна чохь нах ца беха. Къегина кхеттачу малхах левчкъича санна, готтачу урамашкахь а, керташкахь а гуш, цхьа масех бер бен, аддам а дацара.
— Х1орш юьртара д1а-м ца бахана техь? — элира Ибрах1има, вела а къежна.
— Хаац. Арахь гуш стагга а-м вац, - д1асахьоьжура Лайса.
— Соьга-м председатела ч1ог1а буьрса нах ма бийцира х1орш. Кхузахь-м ткъех стаг а велахь тамаша бу.
— Барх1 шеран школа а ю ма боху, ткъа, кхузахь?
— Ю. Интернат. А-а! Дагадеа суна. К1отарш а ма ю кхузахь, гонаха. Х1инца? Школе д1адоьдий вайшиъ?
— Х1аъ.
Школехь а дацара аддам а.
— Делкъанна д1абахана хир бу х1орш.
— Хир бу. Занятеш д1айолаяла а ма ду х1инца а иттех де.
— Сельсовете г1ой вайшиъ? — хаьттира Ибрах1има.
— Г1уо, - реза хилира йо1.
— Марша дог1ийла шу, хьеший, — т1евеара т1ехьашхула маж яьлла цхьа воккха стаг.
— Маршалла хуьлда хьуна а. Де дика а хуьлда хьан.
— Дела реза хуьлда хьуна а. Шуьшиъ лаа лелий?
— Тхойшиъ а ду-кх шу долчу балха хьажийна. Т1еоьций аш? — велакъежира Ибрах1им.
— Вуй! И бохург х1ун ду? Хойбахахь хьаша т1е ца эцна аьлла хезний шуна! Дела вазалор, оьцур дар-кх, дукха ч1ог1а хаза а хеташ-м! Схьадалол, суна т1аьхьа а х1оттий! — меттахвелира вок¬кха стаг.
Ибрах1им г1еххьа юьхь1аьржа х1оьттинера.
— Ас-м забар йора, воккха стаг. Директор схьаваллац соцур ду тхойшиъ. Я юьртада волчу Сельсовете охьа г1ур ду.
— Къур1анор, ца йо ас-м забар, янне а, ашшиммо яхь а! Сол воккха директор а, юьртада а вац-кх шуьшинна, цкъа сан чохь сискалан чомах шуьшиъ кхетталц! Далол ший а, хабарш а ца дуьйцуш, шуьшиъ сан хьаша ду тховса.
Т1аккха а юхаг1оьртира к1ант. Амма воккха стаг ша бохучунна т1ера вала дагахь вацара. Кхин дан х1ума а ца хилла, цунна т1аьхьа х1оьттира ши хьаша, мотоцикл ша лаьттачохь а йитина. Ибрах1има схьаийцира йо1ера жима чамда.
Новкъахь, воккхачу стеган х1усаме д1акхачале хиира къоначу шинна  воккхачу стеган ц1е Обу1ели хилар, иза школехь хехочун болх беш хилар а.
Школана генахь 1аш а ца хиллера Обу1ели. Йоккха хан ца елира х1орш цхьана т1улган кертан сонехь динчу аннийн кех чоьхьа а бевлла, т1улгех динчу лохочу ц1еначу ц1еношка д1акхочуш.
 Къона ши стаг кел чоъхьа даьлча, г1еххьа цецъяьлла йисира цхьа йоккхо, ерстана, делахь а, х1айтъаьлла а, самукъане а хеталун зу¬да. Иза иштта хила а хиллера. Т1аьхьавог1учу шен майрачух б1аьрг кхетча, хиира цунна хьеший галбевлла ца бог1ий. Доггах къежна, екхаелла, хазахетта, ши т1ам а баржийна, дуьхьалелира иза:
— Ва-ай! Шу дахка марший, могаший! Учитирш хир бу х1орш? — хьаьжира иза шен майрачуьнга, Лайсина мара а кхеташ.
— Хьан х1у бала бу, х1орш муьллуш хилча а? Ца го хьуна, хьеший бу? Катоххе чу а г1ой, мерзза юург елахь, нагахь йина яцахь! — т1ечовхаран сурт х1оттийра Обу1елис. Х1усамнана оьг1аз ца яхара.
— Юург-м х1окху дела сохьта йийр ма яра ас. Чоьхьадевлла цкъа.
Шийла, ц1ена яра чохь. «Кху чохь мегар а ду сада1а» — ойла йира Ибрах1има. «Ма дика ду со кхунах кхетта хилла. Х1ара-м бакъахьара к1ант ву. Адамаш а ду кхузара, схьагарехь, ч1ог1а дика» — ша-шега бохура Лайсас а.
— Шуьшиъ шен хеннахь деана. Цхьаберш хуьлу дешаран шо д1адоладелча а, балхана т1еберза ца лууш. Ю тходолчахь а и тайпа кура берзалой, — дуьйцура Обу1елис. — Меллац 1ан деана шуьшиъ?
— Хаац. Кхаа шарна аьлла еана со-м, — елакъежира Лайса.
— Ткъа хьо? — хаьттира воккхачу стага Ибрах1име.
— Суна хан ца тоьхна. Со бригадиран ц1арах хьажийна ву кхуза,
— Ахь боккъалла а бохий?! — цецвелира воккха стаг. — Завмаган метта ваийтина ву хьо?
— Х1ан-х1а. Бригадиран метта.
— Вуй! Завмаг ма вара тхан хьалха хилла бригадир.
— Завмаган а, бригадиран а ши болх беш вара иза?
— Кхахь-кхахь-кхахь! — велавелира Обу1ели. — Вацара дер-кх, цхьаннениг беш а-м. Иза гуттар а туьканан бертера ца волу дела, кхузарчу наха тиллина яр-кх цунна и ц1е, «Завмаг» аьлла! Хьуна а туьллур ю, хьо туькана дукха г1ертахь, къаьркъанца гергарло дукхалеладахь.
— Ца г1ерта-м хьожур ву со, — къежира к1ант.
Ибрах1им а, Лайса а ген-генахь дечкан маьнган т1ехь хиъна дара. Обу1ела дехьо, жимачу г1анта т1ехь 1ара, шеен къоначу шина хьешах самукъадаьлла.
— Дан ца дича дац хьан хьокхамаш? — д1акхайкхира х1усамда  бод хьуьйш йоллучу зудче.
— Вала-а-лай! Х1ара шиъ дог1ий хиънехь-м, цхьа г1айг1а бина хир ма бара ас. Лара ца йи-кх тахана х1орш дан а.
— Ларор яра, хьо Хьаьлемтан етт санна, эвлаюккъехула хехкалуш ца леллехьара! — т1ечевхира х1усамда.
— Тхойшиъ меца-м дац. Дов ма дехьа цунна, — ела а елла, барт бан г1оьртира Лайса. Обу1ели-м ша Хьаьлемтан етт х1унда хьахийра дийца волавелира.
— Цхьа зуда хилла кху юьртахь хьалхо-о шерашкахь, Хьаьлемт бохуш. Иза дуьххьара маре яхча, девашас кхараг делла хилла цунна, дец1а еана йоьдуш. Цигахь тар ца елла, ша юха ц1а йог1уш, шен кхариг а ц1адалийна Хьаьлемта. Кестта юха а, кхечунга маре яхана Хьаьлемт. Цигара а ц1а еана. Иштта, ша маре йоьд-йоьдучу д1абуьгуш, ц1а йог1уш ц1абалош, лелийна Хьаь¬лемта цу кхааргах хилла етт.
Етт, пекъар, ша бажа лаьллинчуьра ц1а бог1уш цкъа цхьаннан кеберте х1уттуш хилла, цара чу ца битича — вукхузхьа Хьаьлемт яханчу х1уттуш хилла. Иштта, галболе сахиллалц юьртахула лела а лелий, сахилча, юха а бежнашца бажа д1абоьдуш хилла. Нисса эха юьртарчу нехан божалш а, кеш а девзаш хилла аттана, наггахь бен т1аьххьара Хьаьлемт яханчу нислуш а ца хилла. Цу аттах тарло суна х1ара сайн ц1ийнанана а, цкъа эвлаюккъехула х1ара лела ялахь, — дерзийра Обу1елис шен дийцар. Зебирт-м (иштта хилле-ра х1усамненан ц1е) оьг1аз ца йоьдура. Ела а къежаш, шен г1уллакх деш йоллура. Воккхачу стеган дийцар хазделлера Лайсина. Самукъадаьлла, серлабаьллера цуьнан аьрраха ши б1аьрг.
Гуш дара, цунна доггах елаяла лууш хилар. Вуьшта, къийлалора, Зебирта дегабаам бахь а, бохуш. Ибрах1им доггаха воьлура, воккхачу стага йийраш забарш юй хууш.
Самукъане стаг хиллера Обу1ели. Иза хаалора къоначу шина хьешана, и вевзина сажьт хан а йоццушехь. Цуьнан къийла ца валарехь, эвхьаза леларх хаалора иза догц1ена а, комаьрша а стаг хи¬лар. Хетарехь, Зебирт а яра самукъане, оьзда, комаьрша стаг.

Х1ума кхаьллина девлча, юха а школе хьаладог1ура Обу1елий, Ибрах1иммий, Лайсий. Шина хьешана цуьрриг а аьррха ца хетара х1инца ца евзачу эвлаюккъехула доладала а, яьссачу школан керта даха а.
— Ибрах1им, кхузара шаьшшиннан г1уллакх чекхдаьлча, Лай¬са а ялош охьаван ма вицлолахь! Ахь хьалха а яьккхина, охьа ца ялаяхь, лелар ю хьуна х1ара а Минкаилан нус санна юрт ма-ю, ц1а ян ца хууш!
 Ибрах1им а, Лайса а вовшашка хьаьжира. Т1аккха, ший а Обу1елина т1едирзира:
     — Дийцахьа, Обу1ела, х1ун дина хилла Минкаилан несо?
         Обу1ели велакъежира. Гуш дара, иза   дийца   кхунна    шена а лууш хилар...
— Минкаил бохуш ц1е йолчу цхьана стеган к1анта зуда ялийна хилла, — дийца волавелира Обу1ели. — Там-мах а, ловзар а дина, д1адерзийначул т1аьхьа, шен меран ц1ера, кех ара а даьлла, хи т1е дахана хилла нускал. Хи а эцна юхадог1уш, шайн ков ца девзаш, доладелла, генна урамехула охьадахана, т1аккха юхадеана. Х1уъа дича а, ша арадаьлла ков ца девзаш, цкъа т1ехдоле, охьадоьдуш, т1аккха т1ехдоле, хьаладог1уш, лелаш хилла нускал. Кхо х1ун леладо ца хууш, цецваьлла 1аш марда Минкаил а хилла, ке уллорчу  терхи т1е охьа а хиъна. Цхьана хенахь, шен мардена т1е а деана, хаьттина нускало:
«Х1ей стаг, кху урамехь дукха хан йоццуш зуда ялийна нах муьлхачу чохь 1аш бу хаьий хьуна?»
«Зуда ялийнарш муьлхачу чохь бу-м ца хаьа суна, хьо 1овдал а ялийна, дакъазабевлларш-м кху чохь 1аш бу», — 1аса хьажийра боху Минкаила шайн кет1а.
Х1инца доггах ела йиш яра Лайсин а. К1ьоначу шиннан кхоччуш ойла екхийнера воккхачу стага. Жима Хойбаха а, кхузара шатайпа буьрса, т1улган 1алам а, дерриге а дуьне а хаздинера шен забаршца Обу1елис шина хьешана.
«Ма тамашийна, ирс долуш нисдели сан Хойбаха кхаьчна х1ара дуьххьарлера де», — ойла йора Лайсас. «Балха д1ах1оттар-м самукъане доладели сан, т1аьхьа х1уъа хи-лахь а» — ша-шега бохура Ибрах1има а. «Лаа дуй техь суна х1ара шатайпа к1ант вовзар, тхойшиннан некъаш цхьанакхетар?» — ойлайора Лайсас. «Х1ара мукъа мичара ели кху лаьмнийн ч1ожахь? Х1инца кхуо ойла д1алацахь, хир а дуй техь сан ма-хетта балхана т1еверзар?» — хоьттура ша-шега Ибрах1има.
Лайсина директора х1ара хьала а кхачале, школан кертахь кечйина х1усам хиллера. Географи хьоьхучу Светлана Владими¬ровна ц1е йолчу хьехархочунна уллохь. Ибрах1им Обу1елис цу са-рахь вита а ца витина, ша волчу охьавигира.
Амма, кеста наб ца кхийтира къоначу шинна. Цаьршиннан ойланашкахь мосуьйттаза карладелира шаьшшиъ кхуза кхаьчна и дуьххьарлера де. Х1умма а, мел к1езиг хетарг а ца дисира юх-юха дуьхьал ца х1уттуш...

Пхьаллахь ц1ийдинчу аьчкан басахьчу, горгачу маьлхан цхьа эхиг Башломана т1ехьара гучу а къедда, 1уьйре т1ееара Хойбахахь. Ц1еххьана самаваьлла, сихха меттара охьаиккхира Ибрах1им. Сийсара д1авуьжуш дуьйна дагалаьцнера цо тахана шен дан деза г1уллакхаш. Царех дуьххьарлераниг — Юьртасоветан председателах кхетар.
Председателан кабинетан не1 ч1аьг1на яра. Пхьаьрсах долчу сахьта т1е хьаьжира к1ант. Ворх1 бен ца даьллера. Юьртасоветан не1ара т1ехь ленан хьостамашца д1атоьхначу, г1еххьа басадаьллачу кехата т1ехь-м къаьстара: «Болх д1аболабо 9 сахьт даьлча».
«Сихачу хенахь-м хьалххе чуван а мегар дара», — шен дагахь ойла а йина, малхбасехула, цанашка б1аьрг а тухуш, волавелира Ибрах1им.
Бецаш т1ера тхи дожаза дара. «Ма дика хир дара х1инца, буц якъаялале мангал хьаькхча», — ойлайора бригадира. Цхьаннахьа а хьайина яцара цанаш. «Ванах, х1орш х1ун дагахь хилла те? Бригадир вац бохуш 1ийна те х1орш х1инццалц мангал д1а ца болош? Муха латтор ю буц х1инццалц, август бутт чкхбаллалц, якъаяла  герга    яххалц?»
     Цхьанхьа-м, сада1а охьахевшинчу г1арг1улийн маьхьарий хезара. Наггахь, цанашна юккъера схьаэккхий, «парр» — олий, т1ема долура моша.
Кхин х1умма а яцара 1уьйренан тийналла йохош.
Цхьана хенахь сахьтан цамзанаш иссанна улло г1оьртира. Ибрах1им юха а Юьртасоветехьа волавелира. Х1инца не1 йиллина яра.
 Цхьана йоккхачу, ц1ен шаршу тесначу стоьла т1ехьа б1аьргех цхьа кегийра, ца товш куьзганаш а доьхкина, хено маждинчу газете б1аьрг бетташ 1ара г1еххьа хан яьлла, воккхо, верстана стаг. Чоьхьаваьлла Ибрах1им цо тергал ца веш г1ехь хан елира. «Бечу балхах» иза юкъах валлалц бохуш лаьттара чувеана бригадир а, цуьнга маршалла ца хоттуш.
— 1уьйре дика йойла хьан! — эххар а вистхилира Ибрах1им.
— Диканца вехийла! — Председатель т1аккха а схьахьажа да¬гахь вацара. Юха а тийналла х1оьттира.
— Со охьахаа мегий, хьо дешна валлалц? — Юха а вистхилира Ибрах1им. И тамашийна хаттар шена хезча, меллаша газета стоьл т1е охьа а диллина,  куьзганашна т1ехула леррина схьакъаьрзира председатель.
— Хьо мила ву? — Цхьана хенахь хаьттира цо.
— Со шун бригаде хьажийна керла бригадир ву-кх. Председателан цецвалар кхин а алсамделира.
— Ахь боккъалла а бохий?!
— Дера, боху моьттуш-м ву со.
Ша хиъна 1ачуьра хьала а айвелла, Ибрах1име куьг кховдийра председатела.
— Вайн делор, 1ара со, хьо кху юьртара хьераваьлла  учитил Бексолта ву бохуш. И хуьлукха мичча хенахьа волавелла лелаш, йиллана не1 гинчче чу а воьдуш. Эх1! Бригадир ву-тов! Ткъа хьо маца кхаьчна Хойбаха?
— Селхана.
— Со волча ца вог1уш х1унда 1ийра? Хьуо кху юьрта вогг1ушехь, со волчу ван везарий ца хаьара хьуна? Хьажахь, дела дуьхьа, ма халахетийти ахь суна! Кху юьрта наггахь бен бригадир кхочуш а вац, кхаьчнарг со волчохь бен буьйса йоккхуш а вац. Хьо а суо волчахь 1ен луур ду суна, Хойбаха кхаьчначу заманчохь. Охьахаал, охьахаал. Эх1! Ма хазахийти суна хьо гина а, хьо вевзина а! Ц1ера мичара ву хьо? Могуш дуй да-нана? Дукха хан юй хьо колхозехь волу? Суна ма ца гина хьо х1инццалц? Цхьанхьа доьшучуьра веана хир ву хьо? — Дерриг а хаттарш цхьаьна схьалаьхкира, гарехь, боккъалла а Ибрах1им гина хазахеттачу Юьртасоветан председатела.
Ибрах1имана г1ехкьа там хилира иза иштта т1екараваьлла хьовзарх. Г1ант стоьла улло а оьзна, охьахиира иза.
— Со ц1ера Жихалара ву. Ц1е Ибрах1им ю. Орджоникидзе
г1алахь юьртабахаман институт яьккхина ваьлла кхушара. Ц1ахь
берш а берриге а могуш бу. Хьо волчу   хьошалг1а   кхайкхарна а баркалла. Къаьхкина 1ийр вац. Цкъачунна Обу1ели волчохь сецна со, цунна саца а лиъна. Цо цхьа ц1а а делла суна чохь 1ен.
— Ткъа, кхузахь 1ан дагахь ву хьо? — г1еххьа цец а волуш, хаьттира председатела.
— Ца 1ийча волий со? Сан бригада кхузахь яц? Со д1ай-схьай хехкавелча, болх хир буй сан кхунах?
— Дера, нийса-м ду! И бакъ боху. Иштта хила-м деза иза. Де¬ра деза. — Т1етайра важа.
— Бехк ма биллалахь, ас нийса ца яккхахь, хьан ц1е Дардаил ю моьтту-кх суна?
— Ю. Дера, ю.
— Дардаил, делахь, кхин хан йойур яцара вайшиммо. Хьох дагавала веана со. Колхозан председательца а башха къамелаш дар а ца нисделла сан, кху сайн балхах лаьцна. Дийцахьа, оцу цанашна х1ун дича бакъахьа хета хьуна? Муха ерзайо аш х1ора шарахь йол д1а?
— Эх1! Оцунна г1айг1а а ма е ахь. Шен хан т1е ма кхаьччинехь, наха ара а бевлла, шен-шен ирзу, цхьа а хьокх ца юьтуш, хьаькхна охьатосур ду, д1а а дерзор ду. Гурахь цаьргара кхоалг1а дакъа схьаэцчахьана, ваьлла хьо. Хьо-м х1инццехь хьалава оьшуш а дацарий, кханоле, дакъа схьаоьцуш бен.
— Ой! — Цецвелира Ибрах1им. — Шерачуьра мукъане а косилкица д1а х1унда ца хьокхуьйту, басошкара куьйга хьакхахь а?
— Э. — куьг ластийра Дардаила, — цунах-м дош ца хуьлура.
— Х1унда?
— Хьаьвсинера тхо цхьана шарахь и дан. Сиха хан ма ю мангалан хан. Нах массо а шен-шен йол д1аерзош хуьлу. Цхьанна а ца лаьа колхозачунна т1е ван. Яхкийра оха и йол цу шарахь, т1е дог1анаш а ихна. Х1етахь дуьйна эцца... нахе д1ахьоькхуьйту-кх...
Ибрах1им велакъежира:
— Йол а нахе юкъахь хьакхийтича, латта лелон а вайна ца лиъча, стоьмаш бийча а, аш кхузахь кхуьур бац баьхча, шуна кху¬захь бригадир стенна оьшу? Дан мукъа х1ун до кхузахь бригадира?
— Э-э-э, иштта ма алал ахь, — эсала велакъежира председа¬тель, — белхаш-м, хьаха бу шортта. Нахера йол, юста а юстуш, схьаэца еза, аьхкенан заманчохь колхозан уьстаг1ашна а, бежнашна а 1уй лаха беза, церан хьашташ кхочушда а деза. Масане хуьлу болх. Белхаш-м, хьаха, бу шортта... Болх боцуш вуьсур вац...
Ибрах1имна товш къамелаш дацара х1инца Дардаила дийраш. Хьалха шен кхунах кхоллаелла хилла йовха ойла г1еххьа шеллуш лаьттара Ибрах1иман. Кхунах шена накъост хирг хиларх шекволуш лаьттара къона бригадир.
— Дардаил, — ладоьг1на-а, къамел юха долийра Ибрах1има. — Ахь бехк ма биллалахь. Хьо сол воккха а ву, суна хьуна хьехамаш беш башха товш а дац. Делахь а, сан хьесапца, вай селханалерачу дийнан амалца даьхна девр дац. Дийцахьа соьга, хьайна дага даг1ахь, шарахь мел йол ло кху бригадо колхозана?
— Дера ло шовзткъа а, буц дика кхиъначу шарахь, шовзткъей барх1 а, шовзткъей итт а тонн...
— Ткъа 1инал дехьарчу басошкахь хьакхаза маса гектар цанаш юьсу?
— Б1еннал сов хир ю цигахь-м. Аьлча а, ахь х1ун дуьйцу?.. Цигара йол хьаькхча а, схьаялуш ма яц! Некъаш ма дац цигахь. Некъаш хилча а, нах а ма бац кху юьртахь оццул дукха элаш д1аерзаялла.
— Некъаш а, вай ца даьхча, вайна уьш даха нах бог1ур бац. Шерачуьра косилкийца а хьокхуш, куьйга хьокхурш гомах йолчу цанашна т1еберзийча бен гуллур яц кхузахь алссам йол. Цундела со конторе телефон а тоьхна, косилкийца трактор яийта ала дагахь ву. Хьоьга дехар хир ду сан и йол д1аерзош нах вовшахтохар.
Юьртасоветан председатель велакъежира. «Ма жима ву хьо х1инца а. Ма х1ума ца хаьа хьуна, пекъар» — бохург санна дара цуьнан и къажар. Мелла а вист ца хуьлуш 1ийра иза. Мацца а элира:
— Косилка-м, цара ца яийтича а, ю кхузахь, цхьанхьа 1уьллуш. Лурчах дуьйна. Вуьшта, вайшиннан оцу ахь дуьйцучух дош хир ду ала-м ца хаьа суна...
— Дош хир ду, Дардаил. Ца хилча ца долу. Схьахилаел и теле¬фон. Конторе д1а йоьдий хьажа со.
Телефонан сигналаш цкъа мацца а д1акхечира.
— Алло, Къуддуз Наибович, хьо вуй иза?
- 1уьйре дика хуьлда хьан!
    - Со вара х1ара-м Ибрах1им.
- Х1аъ, схьакхаьчна...
- Баркалла!.. Дика ийци.
- Къосум  Наибович, цхьа дехар ду сан хьоьга: тахханехь гусенични трактор яийтахьа тхан бригаде.
- Йол хьакхийта воллу.
- Х1инццалц ца хиллехь а, х1инца хир ду аьлла хета суна...
- Ца хилча-м ца йолу, Къуддуз Наибович.
- Ой! Со ма ву цунна жоп лундерг, сох теша а тешна, яийта мегаш яц иза?
- Бригадир ву аьлла, хьажийна вац аш со кхуза?..
Ибрах1им ладоьг1уш сецира. Гарехь, колхозан председатель цунна цхьа хьехамаш беш вара.
— Дика ду, делахь, — цо дуьйцучунна ша резахиларан сурт х1оттийра к1анта. — Некъаш ду тхан кхузахь доьхна. Уьш тодан мукъане а яийтахьа трактор...
Цу т1ехь барт хилира.
— Мичхьа ю ахь юьйцу косилка? — хаьттира бригадира Дардаиле, телефонан трубка аппарата т1е охьа а юьллуш.
— Стенна еза хьуна иза?
— Колхозан бежнашна 1аьнна докъар кечда!
— Вуй, ткъа пирсидатела хьоьга х1инцца ма хьакхийта ца бехира?
— Председательна шен конторехь дерг дика хаьа. Суна кху бригадехь дерг тоьлашха хаа декхар ду, цунначул. Со галвалахь, жоп доьхур ашшимма соьга. Цкъа кху сохьта со сайн лаамехь витар доьхур ду ас шуьшинга!..
Ибрах1имна т1аьххье ара а ваьлла, цунна ерриг а мекхаша юьзна, лурчах дуьйна охьатесна йитина косилка гайта дийзира Дардаилан. «Сан х1ун бала бара, кхуьнга х1ара баха а? Сайн мотт сайн багахь сацийнехь г1олий яра», — ойла йора х1окху «тамашийначу» бригадира долийначунна резавоцчу Юьртасоветан председатела. «К1оршаме х1ума аьлча а нийса хир дац. Т1евеана хьаша ма ву х1ара , мел х1уъа дийцича а, шен ц1ахь нах а болуш. Бехк буьллур бу наха»…
 Ибрах1имма-м шеквер волуш вацара, иза шена т1ечийха воьлча а. Хетарехь, цхьа а ницкъ бацара х1ара ша дагалаьцначух юхаваккха. Ницкъ бацара, цо дагалаьцнарг нийса, колхозана а, нахана а са йолуш, пайдехь г1уллакх долу дела.
Сарралц ваьллира Ибрах1им, гонаха бераш а хьийзаш, верриг даьттанаша а вуьзна, косилка меттаялон г1ерташ. Схьадаьхна, арсаш а, юьртарчу цхьана говзанче ирда дахьийтира. Х1инца, ар¬саш т1е нисдичхьана, косилка болх бан кийча яра.
Сарахь хьалакхечира «некъаш тода» аьлла ехна ялийна, ДТ-75 трактор а.

 **
Школехь занятеш д1аюьйлаелира. Керла еанчу, къоначу хьехархочунна, ша-шай х1ун дича везалурвара-техь, аьлла къовлавеллера школера масех хьехархо. Физрука Бадруддис, шайн пхи газа а йоьхкина, Шела базарара эцна, велюрови кастюм еанера. Цуьнан накъоста Султанбека ши мекх дита дагахь, д1а ца йошуш латтош шен мерак1ело яра. Х1инца дог эт1аш 1ара иза, сихха чоьш дахделла ца довлуш.
 Массарел а карзахваьлла хьаьвзинера школан завхоз Хьасанбек. Ша цкъа зуда ялийна а хиллашехь, ханна а башха къона ву олийла а доццушехь, цо д1ахьединера шен на-къосташка: «Варийлаш, со цу йоь1е цхьацца х1ума хьахийна ву шуна, цуьнга вистхиллачунна мегар дац шуна» — аьлла.
 Къаьсттина Хьасанбекана новкъа верг Лайсица цхьаьна хьалавеана бри¬гадир Ибрах1им вара. Даго хьоьхура цунна цаьршиннан вовшашца уьйр тасаеллийтехь, бохург.
Цу дийнахь, д1асакъерзачу Хьасанбекана школехь Лайса ца гира. Расписани т1е а хьаьжна, ведда вахана, Лайса хила езачу класса чу хьаьжча, цу чохь хьоьхуш кхин хьехархо яра.
— Лайса Майрбековна стенга яхана? — 1а а ца велла, хаьттира цо завуче.
— Районе — доцца жоп делира завуча.
    Хьасанбекан коьрте цу минотехь цхьа план хьаьвзира. Б1аьргаш серладевлира. Дог кхоссаделира. Хьехархойн ц1а чуьра ара а иккхина, цецдевлла, бераш шена т1аьхьа хьажжинчохь а дуьтуш, ша ма ваддало ведда, вахара иза шен дешичан гаража берте. Дукха сихваларна, ч1ог1а татанаш а деш, гаражан аьчкан кевнан не1арш д1ай-схьай а кхиссина, чуьра араэккхийтира малх санна къагийна д1ах1оттийна «ГАЗ-24».
     Самукъане ойланаш оьхура юьртаха а ваьлла, райцентре боьдучу новкъа «Волга» хаьхкина воьдучу Хьасанбекан коьрте. «Ма хаза хир ду, х1инца со д1акхаьчча: машенашна куьйгаш а лоьцуш, эвла схьабоьрзучу некъа йистехь лаьтташ Лайса хир ю. Со т1екхаьчча, цунна хаза хетар ду. Т1аккха ас, со ваха-м цхьана г1уллакхе воьдуш вара, делахь а хьо д1акхетор ю-кх — аьлла машен меллаша юха а ерзийна, сайна улло а хаийна, Лайса ц1а ялор ю.
     Юхадог1уш тхойшиъ меллаша дог1ур ду, кху исбаьхьчу 1аламе б1аьрг а бетташ. Цхьана юьртарчу туьканна т1ехдовлуш, ас сихха чуиккхина, Лайсина шоколадаш оьцур ю…
     Иштта ца нислахь а, х1умма а дац, — дагадог1ура т1аккха. Нагахь некъа йисттехь лаьт¬таш ца караяхь, со районо г1ур ву. Цигахь ас айса г1о а деш, цуь¬нан г1уллакхаш чекхдохур ду.
     Амма кхин а хаза хир дара, — дага-дог1ура т1аккха, — цхьа г1уллакх галдаьлла, елхха йоллуш 1аш Лайса карийча. «Хьо стенна г1айг1ане яхана?» — ас хаьттича, цо эр ду: — «Зав. районос кхечу юьрта г1уо боху-кх», аьлла. Иаккха ас зав. районона т1е тхеша райисполкомера гергара стаг а вахийтина, Лайса тхешан школехь юьтуьйтур ю»...
     Масане яра и ойланаш, ерриге а самукъаненаш! Кхин а дуккха а хьийзира уьш шина сохьтехь гергга д1аэха дезачу Хьасанбекан коьрте.
     Малх делкъе болуш лаьттара. К1оргачу 1инчуьра хьийзаш, ног етташ хьалабоьдучу новкъа меллаша хьалаг1ертара х1инца Хьасанбекан, аьлча а, цо лачкъийна ялон «Волга».
      Цхьана хенахь 1инан басах хьала а яьлла, шерачу акъарий ткхула хахкаелла йоьдура машина. Корех чу етталора колхозхоша хьаькхна, т1ек1алйиллинчу элан такхорийн шатайпа хьожа. Цхьа башха мела а, ц1ена а дара х1аваъ.
       Шайн хазалла леррина схьагайта г1ерташ санна, къегина лаьттара хьаннаша хьулйина уллора а, генара а лаьмнаш. Аьхкенан тов д1а а яьлла, зама гуьйренгахьа лестина хиларе терра, х1аваъ серладаьлла, дика къаьстара дитташ т1ера баьццара а, маждала доьлла а, бес-бесара г1аш.
      «Гонаха иштта хаза 1алам а долуш, кху тайпанчу тоьллачу машенахь ша д1акхетош волу со везавала декхар ду цунна», — бохург дара Хьасанбе¬кана сих-сиха дагаоьхург.
        Цхьаннахьа а новкъаяьлла гой-техьа Лайса, — д1ай-схьай а къерзаш, хахкавелла вог1у Хьасанбек районон ц1ийна улло кхочуш лаьттара.
        «Там бара иза д1аяхана хила!», — марсаелира дог-ойла.
        Ша схьа  ма-кхаччара, машина чуьра охьа  а    иккхина, ведда районо чу вахара завхоз. Секретарша йолчу чохь, стоьла т1е охьа а хиъна, цхьа х1ума язъеш 1ачу Лайсех б1аьрг кхийтира цуьнан. «Хах-х», аьлла дог-ойла парг1атделира. Делахь а, дукха ца11аш юха а марсаделира дог: «Х1ун эр-те йо1е? Муха г1ор-те цунна ул-ло?»
       Ангалин не1арна чекх леррина йо1е хьоьжуш лаьттира безамо тентаг воккхуш лаьттарг. Бехачу новкъахь схьавог1уш мел йина ойланаш йохийнера йоь1ан башхачу коьрто, цуьнан дег1ан куьцо.
      Чувахана, цуьнга вистхила х1отта а ца х1оьттина, арахь лаьттачу машен чу охьа а хиъна, йо1 яллалц бохуш, шен ши б1аьрг районон не1ар т1е а боьг1на 1ара Хьасанбек, дехкан 1уьрг ларден цициг санна.
     Дукха ца1аш араелира Лайса. Машина а, машина чохь 1аш волу Хьасанбек а тергал а ца веш, т1ех а яьлла, юьрта боьду некъ д1ахьаьвзачу аг1ор охьайолаелиа.
     Г1уллакх Хьасанбека йинчу ойланех д1атардала доладелира. Лакхо-о хьалаяьккхина, юха а ерзийна, меллаша йо1ана т1аьхьа охьайолаялийтира к1анта ма¬шина.
— Лайса, хьо яц иза? Хьо х1ун деш лаьтта кхузахь? — уллохь машина а сацийна, шена йо1 дуьххьара гуш санна, хаьттира Хьа¬санбека.
— Со районо кхайкхина ялийнера.
— Схьайола, т1ехаа, ас д1акхетор ю хьо! — д1акхайкхира к1ант.
— Х1ан-х1а. Баркалла. Хьайн г1уллакхе хьажа хьо. Суна-м машен кхетар яра.
— Ой! Сан кхин цхьа а г1уллакх а дац, со а ма ву ц1а вог1уш. Схьайола! — д1айиллира Хьасанбека шена уллора, машенан хьалхара не1.
— Дика ду, х1ета. Со х1оккхуза хуур ю, — т1ехьара не1 а йиллина, машинан т1ехьарчу г1анта йистте охьахиира йо1. Иза а хазахеттачу к1анта, машина меллаша ц1ехьа ерзийра. Иист а ца хуь-луш 1ара йо1.
— Хьо х1унда ялийнера районо? — хаьттира к1анта.
— «Личный листок» хиллера юхаязда дезаш.
Юха а тийналла х1оьттира машина чохь. П1елг 1оьттина маг¬нитофон йолаялийтира шоферо. Т1аккха шена уллохь 1уьллучу цхьана тамашийна, кхечу маттахь йоза т1еяздинчу батта чуьра схьаяьккхина, цигаьрка бага йиллира.
— Хьайн д1асаяха г1уллакх 1оттаделча, соьга схьаала ахь, ас хаза а хеташ, юьгур ю хьо, — д1адолийра Хьасанбека курон къамел.
— Хьан юй х1ара машен? — хаьттира йо1а.
— Вайн яра х1ара т1елхиг-м, — жоп делира к1анта.
— Урокаш яцара хьан тахана? — юха а хаьттира йо1а.
— Ян-м яра, делахь а, сихонца цхьана метте кхача а дезна, уьш йита дизи-кх сан.
Шен завхозан балхал сов, къинхьегаман урокаш а яра Хьасан¬бека лелош.
 Шел ирс долуш стаг кху дуьненчохь ца хеташ, тайначу мукъаме ла а дуг1уш, аьрру куьга импортни сигаретан буткъа к1ур а боккхуш, аьтту куьга мащинан руль лаьцна вог1ура Хьасанбек, куьзга т1едерзийна, т1ехьарчу йо1е б1аьрг а тухуш. «Х1инца нов¬къахь дуьххьара т1екхаьчначу туьканахь шоколадаш а эцна, дехьа 1инчохь машина а сацийна, арадаьлла, бухдуьйлу шовда а молуш, меллаша д1аг1ур ду тхойшиъ, сарале д1акхаьччахьана...» — самукъадаьлла ойланаш йора цо.
Машина цхьана гомачу боьра йисттехь д1а а хьаьвзина, шерачу акъарийт1е елира. Г1ашлойн некъ Машинан некъах схьакхеттачу маь11ехь, геннахь, лаьттащ цхьа ши зуда гира машина чохь долчу шинна.
«Байттамал я1! - дог дет1ира к1ентан,  х1инца х1ара шиъ т1е ца хааяхь, Лайсина со ма къезиг а хетар ву, т1ехааяхь, сан ма аьтту а буху»! — забарна а доцуш, холчах1оьттира завхоз. Х1ара воьхна хьийззашехь, машина-м хахкаелла, лаьттачу шина зудчуна т1екхечира. Д1ахьаьжначу Хьасанбекана гира лаьтташ йолу шиъ, шен дешичан зуда Пих1ай, шен лулахо Пет1аматтий хилар. К1ентан дег1е ц1е кхерстира.
— Ой! Т1урт1у! Хьоьга хьан елла х1ара машен? — цец а йолуш, хьалхара не1 д1а а йиллина, улло охьахиира машен йолчу ден зуда. Т1ехьа, дика д1а а толуш, лулахо а хиира.
— Цхьа сихо-о г1уллакх 1оттаделлера..., — бехказа вуьйлура к1ант.
— Ой! Х1ай! Тахана машен тоян стаг вог1ур ву аьлла, ц1ан а йина д1ах1оттийна ма яра кхуо х1ара, йига аьлча, тхойшиъ рай¬центре а ца юьгуш! Ядийна ялийна-кх ахь х1ара! — барт хоьттура дешичан зудчо.
— Ядо-м х1ара 1емана ма веца, — т1етуьйхира т1ехьа д1анисъеллачу луларчу Пет1амата. — Жима волчу хенахь кхуо идош, бун чохь цхьа а х1оа ца дуьтура тхан! — боьлура зударий, шаьш Хьасанбек хьийзон сурт х1иттош. Вуьшта, к1антана-м забар яцара иза. Забарна дийцахь а, вукху шиммо дуьйцург бакъ хилар гуш дара.
— Жима волчу хенахь-м тхан хесара хорсамаш бен ца идадора кхо, х1инца машенаш идон воьлла-кх, — т1етуьйхира Пих1ас. Мел¬лаша куьг дахийтина, магнитофонан аз ч1аг1дира Хьасанбека, зударша дуьйцург лаг1дан дагахь. Амма: «Д1алаг1ъел и хьайн зурма!» — аьлла, дешичан зудчо д1алаг1ъяйтира иза.
— Х1ара ша а ма вара наггахь йиш локхуш, — д1адолийра Пет1амата, — дагадог1ий хьуна, Пих1а, шена наха сом делча, кхуо эшарш лоькхуш?
— Кхахь-кхахь-кхахь! - йоьлуш г1адъоьхура ши зуда. Куьзган чу хьаьжначу, холчах1оьттинчу завхозана гира ела ца яла г1ерташ, къийлалуш йог1у Лайса. Цо дерриге а кхачийра...
      Кхин д1а зударша    х1уъа   дийцича а, башха шек а ца волура Хьасанбек. Кхуьнан план кхоччуш йоьхнера. Амма ши зуда-м д1атен дагахь а яцара. Бер долчу хенахь кхуьнан мера чохь йисина хилла нуьйда а, х1ара г1езех кхоьруш хилла хилар а, цу юьртахь кхо мел бохийна куьзганан б1аьрг а, шадерриг а дагалоьцура марсаяьллачу шина зудчо.
— Кхуьнах стаг а хилла, школехь учитир а волуш, х1ара д1ах1уттур ву аьлла хьанна дагахь дара? — т1аьххьара а дерзийра Пих1ас.
Хала бара хьийзаш басах хьалабоьду некъ. Кхоччуш догдаьтт1ачу Хьасанбекан дег1ах хьацар тоьхнера. Боккхачу мерах оллабелла хьацаран т1адам дукха 1ийра, машина тоха мел ели д1асалесташ, охьа ца бужуш.
Х1инца шен Лайсех дог дилла дезар а, шен дешичана хьалха х1отта дезар а, ша д1атесна йитинчу урокашна школан директорна хьалха жоп дала дезар а, — дерриг цхьане коьрте хьаьдира к1антана. Шеко йоццуш, ца тайна баьллера некъ.
 
Шерочу меттигашкара косилке цанаш хьокхуьйтуш, цхьаццаммо шена мохк дола боккхуш йийг1ина мунданашший, билгалонаш-ший йохон дийзира Ибрах1иман. Цхьана сарахь шега Обу1елас, наха реза боцуш хабарш дуьйцу хьох лаьцна, аьлла, дийцича, юьртадега Дардаиле гулам бар дийхира Ибрах1има.
— Х1ун хиллачунна гулбеш бу гулам? Райкомера, я райисполкомера хаам хилча бен еш хуьлий сход граждан? — дуьхьалваьллера Дардаил. Ибрах1има и бакъо яьккхинера, райисполкоман председателе телефон а тоьхна.
 
Юьртарчу клуба чу ма-тарллу нах гулбеллера цу сарахь. Ибрах1им цец а ваьллера, воккха а вера кху жимчу юьртара оццул адам вовшахкхетарх. Воккхавера, шена хетарца, и дерриге а адам кхана-лама колхозан докъар чудерзо ара дер ду моттарх.
    Йоккха г1овг1а г1аьттинера мацах маьждиг хиллачу клуба чохь.
— Стенна гулдина вай? Х1ун боху 1едало? — хоьттура баккхийчара кегийчаьрга.
— 1едало шура еза боху, жижиг деза боху! — дуьхьал мохь беттара вукхара.
— Эх1ай, маржа я1-кх, маца йог1ур ю-те кху 1едална жижиггий, шурий тоьъна хан? — д1аса б1аьргаш а къерзош, кхоьрруш г1ург1ур дора цхьана озачу аматерчу хьаьрсачу воккхачу стага. Ибрах1им леррина д1ахьаьжира цуьнга. Ша дуьйцург кхунна хезний а хиъна, юханехьа долийра воккхачу стага къамел:
— Шортта делахьара-м, хала а ма дацара иза 1едална д1адохка. 1едална а мичара хир ду иза, вай санна болчара духкуш ца хилча?
Юьртсоветан председатель сцени т1е хьала а ваьлла, ц1ен шаршу тесначу ехачу стоьлана т1ехьа д1ах1оьттича, зала чохь ен г1овг1анаш д1атийра.
— Накъостий, — д1адолийра Дардаила къамел, — шуна ма-хаъара, вайн бригаде ваийтина керла бригадир ву. Цуьнан ц1е Ибрах1им ю. Шуна иза д1а а вовзийта, вайн бригадана хьалха лаьтта декхарш шуьга д1а а хаийта гулдина шу тховсалерчу гуламе. Г1еххьа хан а яра вай иштта вовшахкхетаза. Жижиган а, шуьрин а планех лаьцна а дуьйцур ду вай жимма. Ткъа х1инца дош лур  ду  вай  вешан  керлачу  бригадире  Ибрах1име.
— Схьагучу ваккхал х1ета, тхо ч1ог1а хьовса лууш ду оцу имам ваьллачуьнга. Цанаш йохон ваийтина бохуш дуьйцу иза наха, — ша хиъна 1аччуьра мохь туьйхира стоммочу озаца цхьана къонахчо.
— Ма ел г1овг1анаш! Т1аьхьа олуьйтур ду шуьга шайна луъ-ург! — т1ечевхира цунна Дардаил.
Ибрах1им сцени т1е хьала а ваьлла, стоьла улло д1ах1оьттира. Таппъаьлла тийна дара зала чохь. Арахь болх беш йолчу дизельни движокан тата ма-дарра шера хезара. Цу движоко г1ийло латийначу лампанан серлонгахь къаьстира нахана бригадиран юьхь т1ера богуш болу бос. Иза 1емина вацара кху кеппара дуьхьал а х1оьттина, нахана хьехамаш а, къамелаш а дан. Амма ала а, дий-ца а шортта дара. Цундела уггаре а коьртачунна т1ера д1авола-велира иза.
— Накъостий, шуна ма-хаъара, зама цхьанаметтехь лаьтташ яц. Ткъа вай, кху юьртара нах, мацах санна 1аш ду. Мацах хьуьжара хиллачу ц1енош чохь школа ю вайн. Маьждиг хиллачохь клуб ю. Электрически серло яц вайн юьртахь, оцу, шуна хезаш йолчу цхьа моторан т1уьйлиго луш йоцург. Больница яц. Х1ора шарахь нах д1аоьхуш, жимлуш ю вайн Хойбаха. Х1унда ду иза иштта? Ойла йиний аш цуьнан? — зала чуьра нах г1ар-тата доцуш д1атийнера. Къоначу бригадире хьаьжжинчохь висинера массо а. Ц1еххьана, д1ахьаьжначу Ибрах1иман б1аьрг кхийтира уггаре а т1ехьарчу мог1арехь хевшина 1ачу хьехархойх. Царна юкъахь Лайса а яра, леррина кхуьнга схьахьоьжуш, ладуг1уш 1аш.  «Х1орш муха кхаьчна кху чу? Суна ма ца гира х1орш чубог1уш. Схьага-рехь, хьалххе чу а баьхкина, охьахевшина хилла-кх х1орш...»
     Бри¬гадир, цкъачунна ша дийца долийначух воьхна, хьовзавелла сецира. Т1аккха а, сихха меттавеана, шен къамел д1адолийра:
— Иштта ледара хир ду вайн дахар, вай вешан белхашца 1едална ваьшкара пайда ца гайтича. Масала, кху бригадо х1ора ша¬рахь шовзткъа, я шовзткъе итт тонн    бен йол ца йоккху. Х1унда йоккху иштта к1езиг? Вайн бежнаш аьхкано шерачу голанашкахулий, даккъашкахулий дежаш лела. Ткъа уьш йол сехьа яккхалур йоцчу меттигашка д1а а лохкуш, гомха йолчу меттигашкара куьйга а хьокхуш, косилкаш лелалучу меттигашкахула цаьрца хьаькхча, вайн бригадо йол алсам лур яцара? Мел лахара а, ши-кхо б1е тонн йол яккхалур ярий вайга, ваьшна лиъча?
Зала чохь цхьаболчара резабоцуш, хабарш дуьйцуш, г1овг1анаш евлира.
— Собар дел! Совцаел г1овг1анаш! — Меттаххьайра Дардаил. Ибрах1има юха а д1адолийра къамел.
— Суна дуьйцуш хезна, мацах кху юьртарчу нехан жа пхеа-ялх эзар коьрте хьалакхочура, бохуш. Царна 1ай яа йол а, аьхка дажа дежийлаш а мичара хуьлуш хилла-техь? Жимма-м ца белла те вайн мохк? Вайн бригадехь йиллийта мегаш яц вай цхьа жен фер¬ма? 1аьнан чилла ч1аг1ъяллалц малхбасешкахь уьстаг1ш дажо буц хуьлу бохуш а ма дуьйцу баккхийчара. Цхьаъ и ду. Шоллаг1ниг, — ялта а, стом а, кхузахь ца кхуьу боху аш. Картолаш а ца хуьлу-теша кхузахь? Шун ц1ахь д1айийча хуьлуш йолу картолаш, колхозан аренгахь д1айийча, х1унда ца кхуьу те? Цуьнан ойлае вай массара а? Вай кхузара алссам пайда бой хиъчий бен хир ма яц вайна электросерло а, керла г1ишлош а, некъаш а, кхийолу г1оленаш а. Вайн юрт цкъа а денлур яц, вай кхузахь экономикин бух ца кхоьллича. И бух, вайн дайша лелош хиллирш дага а лоцуш, говза кхолла беза вай.!едало г1одийр ду вайн, вай цхьаъ леле г1ертий шена гича. Вай дийшина 1йаьхкича х1умма а хир дац. Жимъелла д1аер ю вайн юрт. Кегийнаш д1асаюьхур бу.
Х1инца т1аьххьара а олу ас. Цхьаболчара резабоцуш къамелаш хазошшехь, оха косилкашца шерачу голанаш т1ера цанаш д1ахьаькхна. Селхана уьш, т1аьххьара а, хьаькхна евлла. Цигахь, мел к1езиг а дезткъа-б1е тонн докъар хир ду. Иза д1адерзон стаг вац, вай ваьш доцурш. Цундела, колхозан правлении а, парткоман а ц1арах, сан дехар ду шуьга кхана дерриг а и йол д1агулъечу белхех дахкар. Шуна ма хаьа, дог1анаш дуьйлалахь, и нисъелла йол ерриге а яхкалур хилар... Со дийцина вели. Хаттар делахь жоп-м лур ду ас.
— Дуй хаттар? — Ша 1ачуьра хьалаайвелира Дардаил.
— Ду, къур1анор-кх, дукха ч1ог1а а долуш-м! — меттаххьай¬ра хьалхарчу мог1ара хиъна 1аш волу цхьа воккха стаг. — Дийцал, жима къонаха, цхьа х1ума: хьо ц1ера мичхьара ву, мича юьртара ду хьан да-нана?
— Со Жихалара ву ц1ера. Да-нана а цигахь ду сан.
— Дика хир ду... Дийцал, делахь, х1инца, хьо ц1ера ара а ваьлла, Хойбаха ван новкъа волуш, цара х1ун хьехар дира хьуна? Уггаре а хьалха цу юьртарчу баккхийчу нахана т1е а г1ой, дан дезарг а, муха х1ун дича бакъахьа хир ду а алий хатта, царех дагавала аьлла хьехар делирий хьуна цара?
«Суна институтехь пхеа шарахь хьехна х1ун дан деза», — жоп дала дог хилира Ибрах1иман, т1аккха а, шен хеннахь юхавелира. Хаьара, шен х1инцца, юьхьанца ц1е йожахь, т1аьхьа шена и метта х1оттон хала хир дуй.
— Цундела со шух массарех а дагаволуш ву-кх тховса, — жоп делира бригадира.
— Дага муха волу хьо, айхьа дийриг хьо дина ваьлла хилча? Хьан бакъо еллера хьуна мега йол-йолчуьра цанаш, т1ехула тархтал хьийзийна, х1аллакьян? Хьо валлац наха куьйга хьокхуш ма яра уьш, шайн зама т1е ма-кхаьччи! Жоп лол цунна х1инцца! — воккха стаг охьахиира.
— Хьокху хан т1ехъяьллера бецан, — жоп делира Ибрах1има. — Буц къанъелча, цуьнца йолу витаминаш а, протаин а жимло. Цхьа клетчатка бен ца юьсу. Ткъа клетчаткано бежнаш дакъадо. Вайн наха буц къанъяллалц юьту, къанъелча иза атта якъало де¬ла. Технологис иза де ца боху.
— И мила ву ахь х1инца ц1е яьккхинарг? И х1ун хьаькам ву? — Хаьттира воккхачу стага.
— Технологи хьаькам вац. Технологи 1илма ду.
Чохь болу цхьаберш, оьрсийн маттах кхеташ берш, бийлабелира.
— Харц ца лоь и к1ант. Х1ума хаьа цунна, жима велахь а. Масех шарахь деша а дешна, веана ма ву иза! — мохь туьйхира цхьамма. Ибрах1им иза вовза ца кхиира.
— Хуур ду-кх, шайн б1аьргашна гур ду-кх шуна и йол кхо-диъ шо хьалха хьаькхнарг санна, х1аллакьхуьлуш, — реза воцуш г1ур-г1ур дора воккхачу стага ша хиъна 1аччохь.
— Делахь, кхин хаттар дацахь, вистхила лууш мила ву? — Мохь тоьхнна, хаьттира юьртсоветан председатела.
— Со ву. — Меллаша хьалаайавелира, готтачу кора уллохь хиъна 1ан к1ай месала куй тиллина къонаха.
— Кхуза сехьа схьаволий хьо, Дики?
— Х1ан-х1а. Кхуззера эр ду ас цхьа ши дош.
Ибрах1им сцени т1ера охьа а воьссина, ша хьалха 1ийнначу, хьал¬харчу мог1арерчу г1анта т1е охьахиира, Дардаила шега шена улло президиуме хаа бохуш, б1аьцаш ешшехь.
— Шуна ма-хаъара, ткъех шо ду со колхозан жеца лела, — д1адолийра Дикис шен къамел. — Хала делахь а, атта делахь а сайн декхарш кхочушда г1ерташ воллу со а, сан накъостий а.
Ибрах1иман дег1е зов хьаьдира. «Ма йоккха юьхь1аьржо ю х1ара, нагахь цо х1инца керла веана бригадир шайна гучу а ца ваьлла, аьлла, бехк баккхахь! Ма йоккха ледарло ю хьо. Цхьана буса наб ца еш 1ийна а, уьш болчухула волавелла чекхвала везаш хиллера».
     — Вайн керла веанчу бригадира элира, — дуьйцура Дикис, — мацах заманчохь пхи-ялх эзар жа леладора кху ламанашкахула, бохуш. Иза нийса ду. Кхин а сов лелор дара, ваьш лелочун вай пусар деш хилча.
      Цхьаболу бехк колхозан хьаькамийн а хета сунна. Д1ахьовсал мацах наха лелош хиллачу ирзешка. Дерриш а т1е кондарш а, къух а даьлла лаьтта. Мацах вайн дайша, и ирзеш шайн долахь долчу хенахь, шарна а кондаргаш д1а а хьокхуш, т1е бежана а ца долуьйтуш, лерана леладора. Цундела цу ирзешкара шовзткъа — кхузткъа говрсалаз йол а йолура. Х1инца иттех салаз а ер яц цигара. Эцца аьхкано бежнаша т1е кхош а детташ 1охкуш ду, мацах цанаш хилла ирзеш. Колхозан ницкъ кхочур бацара уьш кондарех д1ац1анда, церан дола дан? Кхочур бара, къур1анор-кх, шена лиъчи-м!
Кхин цхьаъ а ала луур ду суна. Шайн долахь шортта жа а долуш, колхозан балхах куьйган дуьхьиг д1а а ца тухуш нах бу вай-на юкъахь. Сан, бакъдерг дийцича, цаьрга х1умма а баха а г1уллакх а дац, цаьрца гамо лело-м — муххале а. Вуьшта, цхьана х1уман т1ехь-м Делах а эхь хета мегар дара царна. Шера Дукъарчу цани юккъехула лелхадой дехьа-сехьа доху Г1ойтамирий, цуьнан к1енташий шайн уьстаг1ий, лахо охьаваьлча цана а ца ятош, шайна д1абаха некъ боллушехь. Оцу нахана цана ерг а, кхин ерг а колхо¬зан хилча, иза х1аллакьян мега моьтту. И колхоз-м вайн яй! Х1унда хета цу тайпанчу нахана колхоз а, колхозехь болх беш долу тхо а сийдоцуш? И ду суна а, сан накъосташна а 1еткъаш дерг!
Ша къамел дина ваьлча, Дики охьахиира.
— Бакъ лоь Дики! Нийса боху Дикие! — лен буьйлабелира чохь берш. Дики-м хезаш вацара цара х1уъа дийцича а. Хаалуш дара иза оьг1азвахана ц1ийвелла, кхоччуш догдаьтт1а хилар.
— Дики! Оха ца лаьхкина хьуна цу цани т1ехула уьстаг1ий! — мохь туьйхира дехьа маь11ехь вела а къежаш, куро хиъна 1ачу чола куй тиллинчу цхьана воккхачу стага. — Хьастаг1а цхьа дог1анан моха яхана цигашкахула д1а, и цана а ятош.
— Х1аъа! Яхана дера… Дог1анан моха яхана, уьстаг1ша санна луьсташ а бетташ!.. — дуьхьал мохь туьйхира Дикис. Чохь болчара, буьйлуш,г1овг1а эккхийтира.  Цхьацца берш-м к1аж оьхуш, буьйлура, Дикис дош хаза олий хууш.
Ц1ий а велла, ша дуьхьал х1ун эр а ца хиъна, висира Г1ойтамир.
— Кхин хьан олу? — хаьттира, халла велар сацо а г1ерташ, хьалаайвеллачу юьртадас.
— Ас ала мегар дарий? — ша 1аччуьра хьалаайвелира дуткъо аз долу воккха стаг.
— Ладог1ал цкъа массара а! — Мохь тоьхна г1овг1анаш совцийра Дардаила. — Дийцал, Дурди, х1ун ала воллура хьо?
— Сан-м дац башха деха дийца а. Цхьана х1уман т1ехь нийсо ян луур дара суна, кху вайна керла ваийтинчу биргадира. Шарнна а вайн эвларчу цхьаболчу наха х1арий-х1арий шен дассий, дедассий хьекхна мохк бу, олий, цанаш д1алоьцу. Цхьаволчунна шортта йол яккха меттиг хуьлу, ткъа важа, цхьа со саннарг, х1уьпп1алдиг а доцуш вуьсу. Юьртада ву бохучо ахь а башха тергал а ца до хьайга д1адуьйцург, хьайна цара жижиг-х1ума елчахьанна, хьо а 1адда 1а, уьш шайна луъург лелон а буьтуш.
- Суна ца ло жижиг! Жижиг а, шура а паччахьалкхана духку цара, — мохь туьйхира Дардаила ша хиъна 1аччуьра.
— И хаац суна, — кхин д1а а дуьйцура Дурдис, — оха а духкур ма дара и жижиг, тхаьшна йол яккха а, бежана кхаба а аш аьтту бича.
— Велин хьо дийцина? — иза сихха валарга дог дохуш юккъе иккхира Дардаил.
— Ца ваьлла. Ваьлчахьана, со охьахуур ву хьуна! Кхин а ду сан ала цхьа х1ума. Колхозан говраш яжош ву со, шуна ма-хаъара. Дийнахь а, буса а царна т1аьхьаваьлла лелаш ву. Цхьаьна на-къост вац соьца. Дог1анехь а, дахкарлахь а, ж1аьла санна х1отта а х1уттий, царна т1аьхьаваьлла лела дезаш хуьлу. Ошшада билла-х1и, хала а, атта а д1а-м тийсалур ву стаг цу тайпачу халчу бал-хахь, вуьшта, сарахь чукхаьчча, берашна юкъахь нана-м лоьхур яц!
«Г1уг1» — аьлла, юха а бийлабелира зала чуьра нах.
— Лоьхур яра, хьо къонаха велахьара-м, — мохь туьйхира цхьаммо.
— Зовкх-м дара и хьан зуда аьлча а, и тишбелла б1оржам ца лоьхийла, — т1етуьйхира кхечо. Гуттар а г1адбахана буьйлура чохь болу зударий. Хетарехь, царна массарна а дуьхьал х1уьттура Дурдин тишъяла йоьлла х1усамнана.
— Оцу хьайчул-м цхьа п1еллиг г1олий хила мега сан иза, — д1акхайкхира Дурди шена 1оттар йинчуьнга.
— Ма вовшашна билла бехк бац шуьшиннан! — юха а буьйлу¬ра чохь берш.
Ламароша ен забарш хазахетта, ша хиъна 1аччохь воьлуш 1ара Ибрах1им а.
Юха а хьала а г1аьттина, элира Дурдис:
— Ас дийцинарг забаршкахьа а даьккхина, дахкарла кхоьссина б1ал санна, дан луур дац суна. Конторерчу экономист бохучо суна цхьаъ а, шиъ а накъост хила вог1у боху. Суна луур ду вайн бригадира суна тховесехь дош дала: бог1у суна накъостий, я ца бог1у?
И хезча, хьала а г1аьттина, Ибрах1има элира:
— Дика ду, Дурди, со кхетта ахь бохучах. Лохур бу вай хьуна накостий.
— Маца? — хаьттира Дурдис.
— Ницкъ ма-кхоччу, сиха.
— Дика ду, х1ета. Ладоьг1на 1ийр ву со. Бакъдерг аьлча, ши-кхо шо-м ду со изза бохуш, схьавеъ-веанчу биргадира 1ехош ле¬лон.
Оцу дешнаша гугтар а т1едожийра къоначу бригадирана ша делла дош сихха кхочушдан дезар.
     — Накъостий, — юха а хьалаг1аьттира юьртасоветан предсе¬датель, — вай тховса кху чу гулдаларан бахьана цхьаъ ду — кхана дерриге а белхех арадовла дезар. Цунах лаьцна х1умма а ма ца хьахадо аш цхьаммо а? Цунна х1ун дагахь ду вай? Вац цунах лаьцна ала лууш цхьа а?
Т1аьххьарчу мог1арехь, хьехархошна юккъехь хиъна 1ачу школан директора   Салман  Темирсултановича   куьг  айдира.
— Ас ала мегар дарий?
— Дера мегар ду, Салман, алал ахь.
 Директора массо а хьехархойн ц1арах дош делира, шаьш кхана йиш мел ерг вовшах а кхетта, лакхарчу классерчу берашца цхьаьна белхех арадевр ду аьлла. «Лайса йог1ур юй-техь?» — и йолчухьа б1аьрг кхарстийра Ибрах1има. — Хоттур ду ас тховса, аьтту балахь».
Цул т1аьхьа, дукха ца хьелуш, гулам д1абуьйхира.
1о дика йина, Дардаил д1а а вахийтина, Лайса араяллалц сецира Ибрах1им. К1ант т1евог1уш гича, Лайса ша а йитина, цуьнца хилла накъостий д1абуьйлабелира.
— Суьйре дика хуьлда хьан! — вистхилира Ибрах1им.
— Диканца вехийла. Хьо вара х1ара ерриге а Хойбаха вовшахтоьхнарг? — елакъежира йо1.
— Ца тоьхча ца елира-кх. Хьо йог1ур ю-м ца моьттура суна, бакъдерг аьлча...
— Х1унда? Со а яц х1инца Хойбахан яхархо? Юьртана т1едеанчу вонан а, диканан а бала кхача декхар ду суна а.
       - Хьажахь! Хьуна-м г1иллакхаш а девзаш хилла!
       -Ой, хьуна со хьуьна юккъехь кхиъна ю-м ца моьтту? Ибрах1им леррина д1ахьаьжира Лайсега. Йоь1ан беснеш къежаш къаьстара дуьзна кхеттачу беттасинан серлонехь.
— Суна-м ца моьттура оццул нах гуллур бу а, — хийцира к1анта къамел. — Я гулбелча а, айса дуьйцачуьнга оццул ладуг1ур ду а ца моьттура. «Оьг1азбахана бу хьуна нах», аьлла схьахьединера соьга Обу1елис... — Мацах заманчохь х1ун дина хилла дийца ас хьуна хойбахоша?
       - Дийцал.
— Цхьа паччахьан инарла веана хилла хойбахошка къамел дан. Цхьанхьара деана шелиг д1а а х1оттийна, цунна буьххье а ваьлла, къамел дан х1оьттина инарла. Цо дуьйцург гочдеш д1ах1оьттина цхьа кхин эпсар а хилла. — «Росси пачхьалкхо т1ом беш ю Японан пачхьалкхаца, — дуьйцуш хилла инарлас, — ткъа вайна салти ца тоьа. Болуш болчу салташна говраш оьшу, жижиг, даьтта оьшу, ахча оьшу. Цундела вай а г1о лаца деза т1еман. Шу кхузахь х1умманан а г1айг1а а йоцуш дехаш хиларх, шу массо а ларвеш лаьтташ цхьацца салти ма ву. И салти кхаба, цунна т1е-духа, говр, герз латто декхар ду аша!»
      Цхьа миска схьавелира боху гулбинчарна юкъара: «Дали дуьхьа, д1аала, апсир, оцу хьан инарле, со аддамах а ларва оьшуш вац, але. Сайгахь х1ара шаьлтинан бахьана мел ду, суо айса ларвир ву баху ала. И со ларвеш шаьш

латтош верг ц1а ваайта ала сихха, т1ейог1уш охунан хан а ю».
      Инарлас-м юх-юха а дуьйцуш хилла ша деанарг. Т1аьххьара а, иза к1орда а вина, Хойбахой цхьацца-шишша воьдуш, д1аэха буьйлабелла.     Цхьана хенахь берриш а д1абахана, цхьаъ виссалц. Иза д1авоьдуш ца хилла. Шен талмаче хаттийтина инарлас, хьо х1унда висина д1а ца воьдуш, говр яла воллу хьо, я хьуо т1амт1е ванн волу хьо, аьлла.
«Валлах1и, биллах1и, вахана хир вара-кх массерал а хьалха-м, бохура боху бухависинчу къонахчо, — инарла цу шалига т1ера охьавоссахьара-м. Тхан нанна шарнна а чохь берам бан оьшуш дара и шалиг...».
Лайса йоьлура.
Бай хьоькхучу мелачу махо схьаидайора хьаькхна охьайиллкнчу керлачу элан шатайпа тамехь хьожа. Йо1ана уллохь йицъеллера бригадирана докъар д1адерзоран г1айг1а. Карзахдаьллера дог, ойла. Хаалора к1антана, шен йо1е бахана безам т1аьхьа-т1аьхьа алсам болуш хилар. Лардеш олура дош. Ойланаш йора, Лайсин даг чуьра хаа г1ерташ.
Готтачу, баьссачу урамехула меллаша хьалаг1ертара керла ши юьртахо. Гуламера нах сихха шайн-шайн чу бирзинера. Х1ара шиъ ц1а кхача сиха дацара.
Ибрах1иман ойланаш шена гуш санна, царна новкъарло ца ян санна, йист а ца хуьлуш, меллаша йог1ура Лайса а. Хетарехь, цуьнан дог-ойла а г1еххьа карзахъюьйлура. Цаьршинна шинне а дика хууш дерг цхьаъ дара: хиндерг дерриге а хьалха дуй. Ткъа муха нислур ду и хьалха дерг? Хаац. Амма, кхолламо шаьшшиъ эрна вовшах ца тоьхча санна-м хетара шинненна а.
Цу сарахь, Лайса ц1а ма-кхаьчча, д1асакъаьстира и шиъ. Бакъахьа ца хийтира Ибрах1имна Лайса кхин а жимма сацон, бетта¬синан йовхачу суьйрено шен бодечу тийналле сутара д1аийзошшехь...
«Нах-м башха дуьхьал а ма ца бевли суна. Со-м тхайн цу чохь даккхий девнаш хир ду моьттуш ма вара», — мацца а дагадеара, наб ца кхеташ, д1асакерчачу бригадирана. «Со бакъ луьйш хи¬ларх кхетта хир бу-кх уьш», — лиира шена моьттург бакъ хуьлийла.
Юха а дуьхьалх1иттира беттан серлонехь къегаш, шега схьахьийсина Лайсин эсала б1аьргаш...



    - Гутара цхьацца х1уманаш язъеш ма хуьлу хьо. Зудче кехаташ яздеш-м вац хьо? – вела а къежна, хаьттира цу дийнахь Хьасана Ибрах1име.
     - Дукха хан яра ас х1ара болх бан дагалаьцна, - жоп делира лулахочо. – Х1инцца бен х1оккхал мокъа ханг хилла-м яц.
     - Роман язъеш-м вац хьо? Соьхъ лаце вонаш ма язделахь.
     - Бусалба дин лерана лелош, эвлияан Кунта-Хьажин мурд хилдла тхан денда, шайх Салам-Хьаьжа. Цо а, Кунта-Хьаьжас а дийцина, бохуш дуккха а х1уманаш хезнера сунна жима волуш доьнна. Х1инца сайна дагадог1у-дог1урш д1аяздеш вукха. Зене х1ума-х дацай кхарна юьккъехь цхьа а.
     - Дешахьа, нагахь лачкъайна дацахь, - дийхира Хьасана, шеен шгоьн улло хилайна, д1а а таь1аш.
     - Дика ду. Ладог1ал делахь, со юькъаха а ца вохуш. Хьайна хетарг т1аьхьа эр ду ахьа.
    

     1. Шайна Дела веза лаахь – нийсо еза, шайн даго шайга эхь-ийманехь дерг хьоьхуш, эхь – иймане ладог1а. Иза – Делан аз ду шуна эхь – ийман хъоьхуш дерг. Хьолаца шайн бусалба вежарийл совдовла ма г1ерта, уьш лахара хетар – Делаха довлар ду. Кураллаш ма лелае нахаца. Кура ваьлларг а Делаха волу, къаьсттана, и кура волуш верг нахана дола дан х1оьттина хьаькам велахь. Нехан хьакъ деънарг, и хьакъ бепиган цуьрггал бен дацахь а, Делаха волу, цо къола динарг цунна къинт1ера ца валахь. Ц!ена ойла йоцург т1ерехьатан новкъа вала йиш яц.

    2. Делах тешачу, т1ерехьатехь волчу стеган герз – тур-топ дац, Къур1ан, ламаз-марха, догц1ена ойланаш, жайнаш, суьлхьанаш ду. Цу герзана дуьхьалбала, и герз эшо ницкъ бац, х1унда аьлча, цхьане ницкъе а Дела эшалур вац. Амма шел дуккхазза а ч1ог1ачу, герзах воьттинчу ийманехь воцучу стаге ша вейтар – ша шена тоьхна валар санна хьарам ду. Бусалба таг шеен са ларда хууш веза, цо ларвеш вверг цу са чуьра Дела ма ву! Шен де т1екхаьчча Далла а, Делаца болчарна а дуьхьалбевлларш кагбелла, атабелла д1аг1ур бу кхийра кхабанаш санна.

    3. Дераниг дикаллица, безамца эшаве.
        Саьхьарниг комаьршаллица эшаве.
        Тешнабехк бинарг тешаме хиларца эшаве.
        Цатешаш верг тешамца эшаве.
        Къинхетаме, оьзда, гуттара а нахана г1одан кийча хила.
        Хьо т1ерехьатан новкъахь велахь, х1ора дийнахь а хьайгара нахана х1у дикаболх хир баратехь, бохуш, ойланаш еш хила везаш ву. Нахана дикаболх бинчу буса бен мерза наб ца кхета т1ерехьатехь волчунна.

    4. Т1емал йоккха акхаралла яц. Довдалаш т1амах, нагахь мостаг1а шайгара эхь-ийман, сий, дин д1адаккха веана вацахь.
     Шун ницкъ – шун бакъо, хьекъал, собар, дин, оьздангалла. Цхьана а мостаг1чун ницкъ кхочур бац и ницкъ эшо, шу т1ере1атан новкъара ца довлахь мухе а.

    5. Цхьан а шайн бусалбан ваша ма виталаш балехь, хилла иза мацалло, харцоно, цамгаро, я кхечу бохамо лаьцна. Г1йлачунна аш динчу г1онна Дала кху дуьненахьа ял лур ю шуна.
     Элчано, Делера салам – маршала хилла цунна, аьлла, угаре а доккха Везачу Далла аш дина совг1ат – шайн к1еззиг бен доцучу т1ера а оьшучунна д1аделларг.
    Т1ерехьатехь вверг мухе а тешна хила веза, шеен вежарша ша балехь,вонехь ша вуьтур ца хилар. Вовшен дезачу адамашна бен хуур дац доггаха Дела веза а.

    6. Бусалбанаш! Вовшен дезалаш, ларалаш, вовшашна бакъдолу вежарий хилалаш! Х1оранна а дагчуьра Дела веза хаалаш. Адамийн дагчохь бен: я шийлачу стигланийн 1аьршнашкахь а, я даккхий кечдинчу маьждигаш чохь а, кхи цхьаний меттахь Дела карор вац шуна. Стеган бехк боцуш дог дохийначо  маьждиг дохайначул сов къа латадо шуна, х1унда аьлча, уьш пенош бен дац. Стагана чохь са ду Дала делла. Цу са чохь – Дела ву.

     7. Дала муьриде даима а дика г1уллакхаш деш зама яккха боху: некъаш, т1аьш тодеш, хиш, шовданаш ц1андеш, синтарш дуьйш, маьждигаш деш, тодеш.
      Муьрид цомгашчунна т1ех1уттуш хила веза, г1ийлачарна, мискачарна, боберашна х1у оьшуте хьожуш хила веза.
      Далла ч1ог1а дезна ду наний берашше вовшахтохар, нагахь зудай, майрай бар боьхна делахь.

     8. Оьг1азаллина дуьхьал оьг1азалла ма яккха. Оьг1азалло оьг1азалла алсамйоккху. Хьо нийса лехь, харцлюйчунна эхь хетар ду. Цхьа к1еззиг а эхь – ийман дагчохь ца дуьссуш вац Дала малайк а дина дуьненчу ваьккхинарг, мел дахаро иза галваьккхинехь а. Бекхам бан а ма сихло харцо лелайначунна. Дала цунна беш болу бекхам алсам хир бу.
     Бакълуьйчу стагехьа ву Дела. Цуьнах кхета харцлюйриг мацца кхетта а. ЦУндела зама бакълюйчехь ю.

     9. Муьридаш шайна ялсамане ян ца г1ерта кху лаьтта т1ехь. Амма уьш кхиболчу нахана шайга ялсамане яелча ирсе хир бара. Иштта беза декхара ду муьридашна берриге а нах.  Дела а, гонахьара нах а безаш дага декхара ду муьридийн синош. Иштта ду бакъболчу муьридийт т1ере1ат.
     Ялсамане санна х1ара дуьне хаздеш хила безаш бу муьридаш. Х1ора муьрид а шена т1ехьа дикаллин, хазаллин, оьздангаллин, нийсонан  лар йита декхара ву.
     Муьридан некъ – масала хила деза массарна а: муха ваха веза кху дуьненчохь.

     10. Ламаз – бусалба динан б1ог1ам бу. Ламазо стеган дог – ойла, 1алашо ц1анъйо, са чу парг1ато, ирс кхуллу. Ламаз – малхо якъийначу аренга дог1у дог1а санна беркате, нехан синош ц1андеш 1аламат ду. Ламаз – вайн синош Делах д1ахуттуш т1ай ду. Вайн синош цу т1ай т1ехула Далла улло мел г1ерта, уьш сирла а, ц1ена а, парг1ате а, ирсе а хуьлу.

     11. Шайна Дала еллачу могашаллех, аьттонах, ирсах дакъаде могашалла, аьтто, ирс хаьддачаьрца. Аллах1 – Делана гергахь иза ламазал а, марханел а деза ду шуна. Аьлла ма ду элчанан Хьадиса т1ехь: « ламазаша а, марханаша а ялсаманен не1арна улло вуьгу, амма и не1арш схьайоьллуш ерг комаьршаллий, къинхетамме бу».

     12. Герзаца доттаг1алла ма леладе. Герзо стаг т1ерехьатна гена воккху. Герзан ницкъ – х1умма а йоцург ю шун т1ере1атан ницкъана гергахь. Герз лелош волу стаг к1езаг теша шена Делера накъосталла кхочург хиларх. Цул совнаха, Йилбазо гуттара а т1еийзадо куьг герзана. Цуьнах т1аккха зулам долу.

     13. Балхах ма кхера, мел иза беза а, хала а хиларх. Шеен къаца вехаш воцу стаг – нехан къаца веха шву. Иза хьарам ду. Иза бусалбанийн а, муьридийн а некъ бац.
     Пусар де юучун, х1ора бепиган цостаран а. Мел к1езиг юург а цхьа са дузош ю, хилла иза хьоза, я зингат. Дала кхоьланчу сиера баркалла хир ду шуна.
     Деза дерриге а дуьне, Дала цу т1ехь мел кхоьллина дийнат. Цу безамца шайн синош хьоьстур ду аш, дузош, безамах 1абор ду аш. Шуна ма ца хеа х1у долу хьозанехь, полланехь, зингатехь, уьш Дала х1унда кхоьллина. Деза уьш, Дала ял йоцуш вуьтур вац ша кхоьллина адамашна новкъарло еш доцу  синош дезнарг.

     14. Совнаха бахамаш ма леха, бахамашца нахал соввила ма г1ерта, иза хьарам ду, Далла гергахь оьзда дац.
     Бахамца соввила г1ертачуьнгара Дала ламаз а, марха а, кхийолу 1амалш а д1аоьцур яц.
     Эхь ду, къилехь а ду духаршца, г1ишлошца, дешица кхечу бусалбанил соввала г1ертар.
     Эхь ду, къилехь а ду дуненан даьхний совдаьллачунна шен бусалбан вежарна накъосталла дан ца лаар.
     Эхь ду, къилехь а ду денна духарш хуьйцучанна беркъачу нахана кураллийца т1ехвийлар.
     Эхь ду, къилехь а ду 1ора когаш болчунна уллохь езачу мачашца кураллийца латтар.
     Эхь ду, къилехь а ду массарна а т1ехула шен куй айба лаар.
     Совнаха буучу кхачайо, к1едачу, дарех тилланчу матто, совнаха т1екъалъйинчу г1ишлоша Далла улло ца буьгу бусалбанаш, Далла гена боху.
     Оьздангалло, г1иллакхо, к1еззигчух тоам баро сий до бусалба стеган Дала.

     15. Дуьнен чохь хьайна ц1е ян г1ерташ, нахал хьуо лакхара ву ала г1ерташ, баьрче кхийдаш ма лела. Къахьоьгуш даьккхина доцу даьсса сий – лоппург ю. Хьайн нехачул сов ду аьлла хетарг – бахам белахь а, хаарш делахь а, 1илма делахь а – д1адала сихло. Ахь д1аделларг гуллуш ду хьан. Къайла даьккхина, хьайна дитанарг – девш ду.

     16. Шаьш миччахь хиларх, Аллах1 Дела вицвай ма лелалаш. Дела вицвай х1умма а ма делаш. Т1ере1атан новкъахь сихо хир ю шун Далла т1е кхача. Делан дуьхьа, Дела дагахь воцуш динарг дерриге а эрна ду шуна, дайна ду шуна, б1аллаг1а санна. Дуьненчохь йоккху хан – стаг зен луш ю шуна, улло г1оьртина иза Далла, я гена ваьлла.

     17. Оьг1азалла ма латтае шайн дегнаш чохь. Шаьш оьг1аз даханехь а, цхьана ламазера вукха ламазе ма хьуо и оьг1азалла. Дала шуна бинчу сингаттамна ял елла, къиношха ц1андийр ду шу.
     Муьлххачу а харцонна, ямартлонна, тешнабехкана, эладиттана аш сатохахь, Делера кхаъ хир бу шуна.
     Делан дуьхьа аш динарг цкъан а девр дац шун.

     18. Шари1ат, т1ере1ат – Дала дела некъаш ду. Цу новкъа д1аваханарг туьлур вац, юьхь1аьржа хир вац. Т1ере1ат зуькаро ч1аг1дийр ду. Зуькаро муьридийн го ч1аг1бийр бу, муьридийн синош ц1андина, литтина, парг1атдохур дум ассо а вочу х1уманах.
     Муьрид шен хаарш алсамдохуш, 1илма 1амош, дешарца лакхаволуш хила веза, хийцалуш йолчу заманал т1аьхьа ца висса.

     19. Вайн г1иллакхаш, 1адаташ, амалш эзиршерийн к1оргера схьайог1уш ю, селхана юькъаевлла яц. Уьш цундела йог1у шар1аца, т1ере1атца. Цундела шайн г1иллакхаш ц1ена лелор – дин ц1ена лелор санна ду. Г1иллакхаш а, дин а ларда деза, цхьангге а хира а ца дахайтуш, г1ел а ца дойтуш.
     Зударийн сий – ларам бар, баккхайнаш ларар, царна г1о дар, доьзалехь барт а, оьздангалла а латтаяр, вовшашна белхешкахь накъосталла дар, диканехь а, вонехь а цхьа1 хилла д1ах1иттар, къинхетаме хилар – иза х1ора а бусалба стеган коьртачу декхареха ду. Ишттачу г1иллакхаша сийлахь до къам.

     20. 1едал Делера ду, аьлла ду. Иза аьлла, 1едал доцчу меттехь адамашна юьккъе акхаралла юлу дела. 1едал ма къийса, 1едалехь берш болх бан бита, нагахь уьш къомана ямарт, я сутар бацахь. Цара шаьш лелочунна Далла жоп лур ду. Шун т1ере1ат лакхара ду церан хьаькамаллел.
     Дуьненан х1уманна т1аьхьа довлай, дакъаза ма довла. Дуьненан х1ума цхьанна а тоь1на дац ша Далла к1ел хилар дицдинчунна. Дуьне дезар – туьха даар санна ду. Алсам мел дуу кхи а сов деза.
     Т1ере1атехь парг1атдаха шайн синош. Цу парг1атоно бен лур дац шуна бакъдолу ирс.

     21. Дуьненчохь йоккху зама б1аллаг1а санна х1ума ю. Азаллера абаде диллича б1аьрганиг1ар тоххал мур а бац. Кху харц дуьненчохь дешин а сацкъаран б1аллан а мах цхьаъ болуш санна ваха веза. Дуьненан х1уманах 1ехавелларг Йилбазан гуро лоцу. Кху дуьненчохь боккъала а мах болуш х1ума цхьаъ ю – адамийн Дела везаш долу синош.

     22. Д1ац1анде шайн дегнаш, синош, дуза уьш пайхамаршка, устазашца, церан хьехамашца Деле болчу безамца. Шун 1илма а эрна ду, цу 1илманца цхьана безам бацахь.

     23. Ша Далла мел уллохь ву хаа лиъначо шен даге ладог1а деза. Шен дагчохь цуна оьг1азалла, цабезам, хьаг1, кураллаш хаалахь, иза Далла генахь ву. Амма шен дагчохь цунна безам, къинхетам, йовхо хаалахь, иза Далла уллохь ву.

     24. Шен дагчуьра вола, хьаг1, оьг1азалла, цабезам д1а а даьхна, шен дог Деле болчу безамах хьалабуьзнарг бен  т1ере1атан новкъа ца волу.

     25. Чалба коьртах хьарчоле шайн дегнийх хьарчае. Шайн бусалбалла нахана гайта а ца сихлуш, дегнаш д1ац1анде юьхьанца. Дела везнарш, Далла дукхабезнарш цкъан а духаршца къага, г1арабийла ца г1иртина, нахал базбала а ца г1иртина.  Далла суьрташ х1иттораш ца безна, оьзданаш, эхь – ийманца берш безна.

     26.Аьшпаш буттург Делаха волу. Аьшпаш айбина леларш а Делаха бовлу.
Т1ере1атан новкъахь аьшпел доккха къа дац. Бусулба стеган дог – ойла гуттара а сирла, ц1ена хила езаш ю. Шент т1ере1атан некъан сийдан хууш волчо цкъан а аьшпаш буттур бац, харцо лелор яц, лелочуьнга иза лелайойтур а яц.

     27. К1еззиг долчунах туамба хуучал хьалдолуш стаг вац. Ваха атта хир ду уллохь Устаз волчунна. Устаза шен мурд массо а вочу х1уманах ларвийр ву.

     28. Муьридана шел воккхачун сий дан, иза лара хаа деза. Воккхачунна алсам ма гина дуьненан х1уманаш. Муьридана шел жиманиг 1алашва хаа деза. Цо д1адахьа дезаш ма ду т1ере1ат. Муьрида х1ора стаг а лара веза, ша лерича бен т1ере1атан пусар дан хуур дац стагана.

     29. Элий, лай ду бохуш ма къестаде адамаш. Т1ебаьхкина бу, бохуш, атта а ма хетта. Массо а бусалба а цхьанисса ву аьлла ду Къор1ана т1ехь. Массо бусалбанаш а вежарий бу. Сий – пусар де массо а устазан, цара мел хьоьхург а, мел бохург а цхьа1 ду. Уьш берраш а цхьаъ бу. Некъаш тайп – тайпана делаь а, уьш дерраш а Аллах1 Далла т1е доьлхуш ду.

     30. Бежнашна мот ца хеа. Амма уьш Дала сачохь кхоьллина ду. Бежнашна, акхарошна, ж1алешна, цицигашна бахьана доцуш ницкъ бинарг Пайхамара шеен умматехь вац аьлла. Бежнаш меца, кхабаза, хи малоза а долуш, ламаз дан х1оттар нийса дац. Дала шена ца йинчу 1амална гечдийр ду. Бийца мот боцчу бежанна йинчу г1елонан къилара вер вац стаг.

     31. Беша даьллачу бежанна тоха ма тоха, меллаша арадаккха. И беша даларан бехк адамашна т1ехь ма бу. Бежнашна наь1алташ а ма кхийкхаде, иза 1есалла а, сонталла а ю. Дуьненчохь мел йолу Дала кхоьллина адамашна зен деш йоцу дийна х1ума мюридаша 1алашъеш хила еза.

     32.  Массо а бецана а, диттана а чохь са ду. Эрна царна зен ма де. Хьуьнах воьдуш диг д1алачкъаде, дитташна ца гойтуш. Дитташ кхоьру дагарах. Шайна оьшшург бен г1уркха, сара а ма баккха. Стом латош долу дит охьатохар доккха къа ду. Некъахочунна 1индаг1а луш долу дит охьатохар а доккха къа ду. Шовданашна уллора дитташ охьадеттар а доккха къа ду. Муьридаш дитташ дуьйш, уьш 1алашдеш хила беза. Цу дитташа луш борлу стом я 1индаг1а шаьш дийна мег ду уьш дийг1анчунна мел кхийкхош хир ду.

     33. Дала кхоьлланчу 1аламехь угаре а дезаниг – хи ду. Аьлла ду хьадисехь, кху дуьненчохь мел йолу х1ума Далла 1амал ечуьра сецначул т1аьхьа бен хи 1амал ечура соцур дац. Хи бехдар доккха къа ду. Шовданашчохь боьха х1уманаш йиттар – доккха къа ду. Хи чу боьхалаш кхийсса маггане а мегар дац. Эрна хин татол хийцар доккха къа ду, цу хи чуьра дийна х1уманаш лийр ю, церан эрна синош даха адаман бакъо яц.


    -  Т1акха, муха хетта хьуна? – хаьттира Ибрах1има.
    - Дера хета, вай вешан шайхин, устазин сий-лерам беш хилча вайл ирсе къам кху дуьненчохь хир дацара, аьлла. – Шеко йоццуш элира Хьасана. – Амма вайна дерриге а диц-м ло соьман цхьа юьхьиг гучуялахь. Сом, я доллар вукха вайн устаз а, Дела а х1инца, мел х1уъа дийцичи а.
     - Гуттпара а хир дацай иза-м иштта, Хьасан. Зама керчаш ма ю, вайна ма хаъара.
     - Ца керчахь а карчор хьаха ю вайн наха-м, шайна сом хуьлий хаахь. Вайшиъ х1унда латтош ву кху ор чохь, соьман дуьхьанна бен?Вайшиъ волчарна д1авохка латтош вукха. Ши сом сов лой хаахь Африкерачу неграшна а вухкур ву, цхьа цуьрг къа ца хеташ вайшинах а, вайшинан доьзалех а. Хьастах п1ерасканан дийнахь еса доьшуш хезирай хьуна оцу бетах маска йоьлланчо? Дала шеен бат ца го ма моьтту цунна, цу бета т1ехь маска хилча.
     - Цаьрга-м моллманаша шу х1инцца дина бераш сана къинойх д1ац1анлур ду боху, Хьаьжиц1а ма дахханехьа. Хьаьжин ц1а баня йолуш сана дуьйцу цу ах-молланаша. Суна евзаш хьажой хилларш цхьа проходимцаш ю, Дала къилехь ма лорайла иштта алар. Нехан хьакъ диъна жуккарш ю цига яхале а, яханчуьра юхайирзанчал т1аьхьа а. Цундела ма аьлла Йилбаза, цу Хьаьжи ц1а шен дуьхьа уьхуш берш а хир бу. Дала лардойла вай царех а, церан бахамех а. Вон бусалбанаш бу Нохчалла а йицъйой хуьлуш болу бусалбанаш.



      Екхна, тайна еара 1уьйре. Са ма-тесса, хьалаг1аьттира брига¬дир. Меллаша текхаш хетара 1уьйренан миноташ. Гуллур буй-техь нах? Ларор дуй-техь якъаелла йол т1ек1алтоха? Сихха цхьа стака чай мелла, керта а ваьлла, кара шада а эцна, юьртан майдане хьаьдира Ибрах1им.
      Х1инццалцчул хийца ца деллера Хойбахойн парг1ате дахар. Бежнаш д1алахка оьхучу зударша а, бераша а иза башха тергал а ца вора. Сахьто барх1олг1ачух ах даьлла гойтура Ибрах1им Дардаил вехачу урамехула хьалаволавелира воьдуш.
— Дардаил! Во, Дардаил! — мохь туьйхира к1анта ша юьрта советан председатель вехачу керта кхаьчча. Араелира безамехь стоммо зуда.
— Схьавола чу. Арахь ма латта.
— Баркалла. Чувеана 1ен йиш яц сан. Дардаил оьшура сунна-м
— Стаг! Ва, стаг, хьоьга кхойкху, аравалахьа, — учара д1а мохь туьйхира х1усамнанас. Дукха ц11аш Дардаил а аравелира, шена т1ерачу бумбазен кучан нодарчий д1а а туьйсуш. Цуьнан ц1ийбеллачу б1аьргаша гойтура иза х1инцца самаваьлла хилар.
— Оссолом 1алайкум! — мохь туххуш, салам делира Ибрах1има иза гучу воллушехь.
— Ва1алайкум салам! Схьавола чу. Арахь стенна лаьтта хьо?
— Баркалла. Чохь 1ен хан яц х1ара. Хьо охьа ца вог1у? Х1ара нах-м башха субботнике арабовла дагахь бу моьттуш а ма вац со-м!
Ибрах1иман къамелах хиира Дардаилна, иза шена башха реза воций. Ойла йина-а:
— Дика ду, со х1инцца араволу, — аьлла, чувахара иза.
— Х1ун хета хьуна, х1унда ца бевлла нах ара? — хаьттира Ибрах1има шена улло а х1оьттина, охьаволавеллачу юьртасоветан председателе.
— Хьалхе ма ду вайна х1инца а. Т1уьна хир ма ю йол, т1ера тхи охьа а дожаза. Жимма де дохделча бахка мегий уьш-м. Кхиберш ца баг1ахь а, школернаш бахказа 1ийр бац, — шена юьртахойн амал евзаш хиларе терра жоп делира Дардаила. Ибрах1им кхийтира, ша жимма сихвелла хиларх. Вахана, йол екъа я т1еда ю хьажа дага ца деанера кхунна. Цундела г1еххьа бехкала вахара иза, амма шен дагара ца хааийтира.
— Йол якъаялале а ма бара вайн бан болх. Гарсаш, кожалгаш, б1аьллаш кечда ца деза?
— Уьш-м вай йол лахьошшехь баккхийчу наха кечдийр дара.
— 1уьйре дика хуьлда хьан, Дардаил! — маршалла хоттура
дуьхьал бетталучу наха юьртадега. Гуш дара, юьртахоша иза ч1ог1а лоруш хилар. Цкъаделахь, Дардаил воккхо стаг вара. Шоллаг1а делахь, йолу юкъаметтиг юьртахошца дика д1а а кхоьхьурацо. «Цхьадолчу х1уманах х1ара дика ца кхетахь а, цхьацца долчунна дуьхьал а, новкъа а хила мегаш велахь а, х1ара д1атетта мегар дац, — ойла йора Ибрах1има. — Кхуьнан наха бечу ларамах а пайдаэцаза бер бац, айса дагалаышарг кхочушда со дагахь велахь. Хала хир ду массо а нийса доцчу х1уманна дуьхьал вийла со волахь. Хьанна хаьа кхунах-м т1аьххьаре а дика накъост хила а мегий, ас дагалаьцнарг шена ма-дарра, шера девзича...».
Шен болар ца дохош, лорре ког буьллуш, Ибрах1има ша дукха хьалхе меттах ваккхарна дика реза воцуш, схьаг1ертара юьртасоветан председатель. Х1ара шен юьртахо велахьара-м, кхо дуьй-цург башха ма-дарра т1ецалаца а мегара Дардаила. Вуышта, х1ара т1евеана хьаша хиларна, кхуо бохху-бохучунна а, дуьйцучунна а цкъачунна реза цахилча цаволура. «Гена-м г1ур дацара кхуо шеггара лелориг.
 Шена д1а ма-хиъинехь, колхозан председатела хала а ца сацош, сацор ву. Цкъачунна сихлур вац со а. Шен цхьа нах а болуш, леладо хир ду кху жимчу къонахчо и х1уманаш», — ойланаш хьийзара вист а ца хуьлуш вог1учу юьртаден коьртачохьа.
Ибрах1иман ойла-м карзах юьйлура: «Муха хила мегар ду иштта парг1ат, хьаькхна охьайиллина, г1а санна сийна йол а йолуш? Хьаькхна, якъаелла яьлла йол а, яьлла ц1е а цхьатерра ю олуш долу вайнехан кица ца хаьа те кхарна? Дог1а кхетахь, 1арж а елла, чамбоцчу ер юй ца хаьа те кхунна а и йол? Йиш юй-ткъа оццул долу беркат х1аллакьхилийта? Тохара цкъа х1аллакъйина боху кхара иштта хьаькхна йол. Вуьшта, суна иза бригадиран а, юьртаден а бехк хета. Мичча иккхина а, х1уъа дина а, т1ек1алтоха езаш хиллера. Х1инца 1ойла дац иштта парг1ат. Х1инца а йол иштта х1ал-лакьхилахь, нахана гергахь сан сий а, ларам а хир бац. Сох а кхар¬на цхьа хабарчиг хетар ю. Бакъ г1аттий ас Дардаил а. Нах т1егулбалале тхойшиннан дерриге а кийча хила деза. Ден долчуьнан ойла а хьалххе йина хила еза!»...
Сахьт гергга хан яьллера Ибрах1иммий, Дардаиллий юьртасовете охьакхаьчна. Кест-кеста корах ара а къедаш, терго йора Ибрах1има, аддам а гучу волий техь бохуш.
— Ванах, бахка дагахь бан а буй х1ара нах? — карзахволуш лаьттара бригадир.
— Ас цхьа х1ума дийца хьуна? — эххара элира Дардаила.
— Дийцал. — Ибрах1им леррина ладуг1уш сецира.
— Вайшимма хьастах гулам бан дагалоццушехь хаьара суна кхунах хиндерг. Вуьшта, хьо хьуо тешшалц аьлла, 1адда 1ийра со, хьоьга дукха ца дуьйцуш. Суна гуш ма дара, хьо айхьа бохучунна т1ера вер воцуш хилар... Суна шерра хаьа тахана вайшинна суб¬ботнике маса стаг вог1ур ву а, мила вог1ур ву а, — кхид1а а, сих ца луш, парг1ат дуьйцура юьртдас. — Вайшинна вог1у верг масех хьехархо а ву, цаьрща, цара халла дехна, вовшахтоьхна, масех бер а хир ду. Цхьаболчара школе ца дохуьйтуш, ц1ахь совцадо бераш, «вайн ц1ахь а бу бан болх» олий, уьш колхозана балха дуьгий хиъча. И белхий а, цхьана-шина дийнахь вовшах кхетахь, кхин кхетар а бац.
— Ой! — цецвелира Ибрах1им, — ахь схьадийцарехь-м, йол х1аллакьхир йолуш ма ю! Хьо-м, башха шеквала а ма ца воллу оцу балхана...
Дардаил вист ца хуьлуш, жимма соцунг1а а хилла юха а, меллаша дийца волавелира:
       —Гой хьуна, Ибрах1им, со кху нахана юкъахь кхиъна ву. Кхеран амал суна дика евза. Колхоз йиллале, ерриг цанаш шайн долахь а йолуш, шортта жа а лелош, шайна ма-ттов баьхна бу кхузара дукхах болу нах, шайна хьалхара мехах балабой, жа т1аьхьа нах а лоьлуьйтуш.
Цул т1аьхьа и жа массаьргара схьа а даьккхина, колхоз йиллина, дуккхахберш кулакаш бина Сибрех а бохуьйтуш. Х1етахь дуьйна гамбелла бу х1орш колхозаца. Ма-дарра аьлча, цу колхозо кхузахь нахана беш башха пайда а бац. Хьалхо шерашкахь, нах к1отаршкахь бехачу хенахь а г1еххьа жа лелон аьтту бара Хойбахойн. Шортта пачхьалкхана жижиг а, шура а духкура наха. Хрущеве и к1отарш йоха а яйтина, сов ду бохуш, нахера даьхний а, уьстаг1ий а д1а а дахийтина, цул т1аьхьа гуттар а очбевлла х1ара нах колхозан балхана. – Леррана к1анте а хьаьжна, кхо шега ладуг1айте хаа санна, юха а лен велира юьртада. -  Дукхахберш аренца баха охьабахана, шайн гергарчийх а хедаш. И х1уманаш диц ца делла нахана, хан д1аяьллехь а. К1отарш йохош хилча, юрт стамъян езара, некъаш тодеш, керла г1ишлош еш, нахана болх бан меттигаш нисъян езара. Иза дан вайна дицдели, амма к1отарш йохо сихдели. 
        Леррина ладуг1уш, кора улло а х1оьттина, лаьттара Ибрах1им. Т1аккха стоьла улло г1ант а хилийна, охьахиира. Дардаила д1адолийначу къамелана юьхьанца реза ца хиллехь а, х1инца цуьнан дешнашца бакъдолчун дакъа хиларх кхеташ лаьттара бригадир.
       — Иза шун шайн бехк бу, — жоп   делира цо. — Алал соьга, мила ву нахана белхаш бан меттиг нисъян декхарийлахь верг а, нехан дахар мацахлерачул кхузза, доьазза, иттазза г1олехь хилийта декхарийлахь верг а? Хьо а ву, колхозан председатель а ву. Ас вайн гуламехь дийцинарг а дац изза? Вайна лиъча, кхочур яцара Хойбаха электросерло? Вайна лиъча, йиллалур яцара Хойбахахь уьстаг1ийн ферма а? Дахкалур дацара лаьмнашкахь некъаш  а? Вайн колхозана пачхьалкхо мел дукха ахча    дайина    хаьий хьуна, вайна чу х1инций-х1инций са дог1у бохуш? Дера дайина, лах-хара а, кхо миллион!   Оццул   декхарийлахь а ю вайн   колхоз пач¬хьалкхана. Вайна дерриге а ша-шах   хир ду   моьтту,   т1ехь дерг Советан 1едал хилчахьана.
        Дардаила дуьхьал х1умма а ца элира.
Цаьршиннан къамел сецна дукха хан ялале, школа йолчу аг1онгахьара гучубевлира кара шаданаш а эцна схьавог1у масех хьехархо а, лакхарчу классашкара ткъех дешархо а. Хазахетаран тулг1е меттахъелира Ибрах1иман кийрахь. И хазахетар кхин т1е а алсамделира царна юкъахь йог1учу Лайсех б1аьрг кхетча. Т1ехь белхан духар а долуш, йоьлуш, самукъадаьлла йог1ура йо1. Цхьа к1айн  пес коьрта т1е а ийзош, хаваьлла вог1ура школан директор Салман Темирсултанович а.  Цунна улло х1оьттина вог1уш Обу1ели а вара. Ибрах1им царна дуьхьал велира.
— 1уьйре дика хуьлда хьан, Салман Темирсултанович, шу марша а дог1ийла! — велакъежира Ибрах1им
— Диканца вехийла хьо а! Схьадийцал, мичхьа х1уьтту тхо болх бан д1а?
Ела а къежаш, шен накъостана Светланина улло а х1оьттина Лаиса а лаьттара.
     — Схьадуьлол, х1ета. Вайчул дукха болх бу моьттуш со тахана кху районехь цхьаннахьа а. Ша вог1ург кхин а т1евог1ур вайна. Вай    д1адуьйладелча  бакъахьа  хир  ду аьлла хетта суна.
...Делкъахан улло г1ертара. Аьхкенан малхо дагадора болхбечеран пхьаьрсаш а, яххьаш а. Хахкаелла йоьду хан, 1аьвжина кхетта малх, к1адбалар - х1умма а тергал ца деш, болх беш бохура уьш. Такхор беш Обу1елий, цуьнца кхин цхьа воккха стаггий вара. Царна т1аьхьа ца биса г1ерташ, каде хьийзара кегийнаш а.
 Ибрах1им воккхавеш хьоьжура шаьш вовшахдеттачу литтанашка бан болииначу боккхачу элан такхоре. Сих-сиха б1аьрг тухура цо гена йоццуш болх беш йоллучу Лайсега. Товш яра йо1. Коьртах хьарчийначу ц1ечу косинки  к1елхьара охьаевлла хьаьрса к1еда месаш, малхо ц1ен бос эцийтина беснеш… Кхоччуш ша ирс долуш хетара Ибрах1има тахана.
 Дог дог1уш, самукъане бора массара а болх. Хетарехь, цхьа Дардаил бен вацара кху болехь кхоьлина. Лайсиний  Светланиний улло г1ерташ, дешархой уллора д1а  бевл-бевллачочхь  цаьршинга забарш ян г1ерташ лелара т1аьхьо т1евеана ши хьехархо.
       Цаьршиннах цхьаъ Лайсина  т1аьхьавеана    хилла  Хьасамбек вара. Лаисас и шиъ  тергал а ца вора.
         - Лайса, хьайна х1оккхул йол лахьо а, докъар кечда а хууш хилча, цхьа-ши гомаш х1унда ца лелайо ахь? Ас ялае хьуна цхьаъ?  - Хаьттира Хьасамбека йо1ана улло а г1ортина, цунна 1оттар йо ша, аьлла.
— Хьайн дешичин божлий чуьра лачкъийна яло-м ца воллу хьо иза? -
Жоп делира Лайсас, х1умма а йоха а ца юхуш.
        Хьастаха хилларг хууш йолу  Светлана  елаелла  к1ажъяхара.Важа-м, ц1ии а велла, юьстаха велира.
         Болх беш бохкучарна, дика улло кхаьчна бен ца гира шайна улло г1ерта УАЗ-ик. Лакхо гу т1ехь машина саца а йина, вела а къежаш, Ибрах1имна т1е веара председатель лелош волу шофер Ваха
- Оссолом   1алайкум!  Йоькхуне а, г1озаюург а хуьлда вайн!
- Ва1алаикум салам! Баркалла. Шада лой хьоьга?
— Х1ан-х1а. Йиш яц. Хьоьца жимма г1уллакх дара сан, Ибрах1им.
Вахас, Ибрах1им юьстах а ваьккхина, цуьнга председатела даийтина кехат д1аделира. Ибрах1им леррана кехат деша х1оьттира.
«Ибрашка, вайга хьошалг1а веана ву министерствера бехкен хьаша. Вахица г1ой, 1ушкара цхьа уьстаг1а а, жим-т1ама мала х1ума а яхьаш тхуна т1е вола. Тхо мичхьа севцна шоферна хаьа хьуна. Къосум!»
Ибрах1им г1еххьа цакхеташ хьаьвзира, ша х1ун дича бакъахьа хир ду ца хууш. Белхий д1а а тесна, сакъера вахар цхьана а аг1ор товш г1уллакх дацара. Амма хьаша тергал ца веш вуьтийла а дацара. Цхьана юккъехь, ша х1ун дан деза ца хууш, воьхно хьаьв¬зира Ибрах1им. Эххара а, Дардаиле шега председатела дина кост а дийцина, уьстаг1а а, малар а вовшахтоха вахара.
— Со дукха хье ца вала хьожур ву хьуна, — элира цо, машинан не1 д1а а йоьллуш.
...Колхозан председателлий, министерствера веана хьаший шаьшшиъ ца хиллера. Кхорийн 1индаг1ашкахь, сийначу баца т1е-хула берзинчу когашца дайн, коча болар а деш, д1асахьийзара нисъелла, товш къона ши зуда. И шиъ кхаьршиннан ши х1усамнана хир ю-кх бохуш, улло вог1ура Ибрах1им, амма царех цхьаъ райцентрерчу ресторанан официантка Зина хиллера. Важа цуьнан накъост йолчух тера дара.
— О-о-о! Хьажал, Аванес Петросович, х1ара ву-кх тхан керла бригадир! Юьртабахаман институт чекхяьккхина а ву, эскарера лейтенант звани а йолуш ц1авеана а ву, коммунист а ву! Цу т1ехула т1е, сурт санна товш а ву, дика к1ант а ву, — вела къежаш, г1адвахана, вовзийтира Къосума хьешана т1евеанарг. — Ткъа х1ара,— вайн уггаре хьоме а, лоруш а волу вайн хьаькам а, вайн доттаг1а а Аванес Петросович ву.
— Суна ч1ог1а хаза хета хьо вевзина, — куьг кховдийра хьешо.
        - Суна а хета, — куьг схьалецира Ибрах1има. Схьагарехь, х1орш х1инцале г1еххьа  мелла а, сакъералуш а болчух тера дара.
   Хьеше хьал-де хаьттина а ваьлла, председательна улло таь1ира Ибрах1им:
— Къосум Наибович, субботник яра оха тахана вовшахтоьхна. Ч1ог1а юьхь1аьржа ву со и нах алт1ехь а битина, суо кхуза ван дезарна. Эшначуьнга хьажа шуьца шофер а ву. Со д1авахча х1ун дара те?
— Ой! И бохург х1ун ду! Хьо сайна уллохь хила лууш ма валавайтина ас хьо. Д1авахар хьахадей, кхин вист ма хилалахь соьга! Аванес Петросовична а хетар ду хала. Ишттачохь ма веза суна хьо, хьо сайна тешам болуш накъост, - х1ундда хьесталахь а,хьесталора председатель,шеен къоначу бригадирана тамба г1ерташ.
    Кхин дан х1ума а ца хилла, уьстаг1а тилош шоферна Вахина г1о дан х1оьттира иза.
     Хойбаха чу кхоччучохь, аьрру аг1ор басах чу вахча, цхьана шерачу к1айдарга т1ехь, девлла акхачу кхорин дитташ а долуш, уллорчу басах чу ша санна шийла, ц1ена шовда а 1ийдалуш, дукха ч1ог1а хазачохь яра сакъера баьхкинарш севцна меттиг. «Хетарехь, дуьххьара веана вац тахана кхуза председатель», — кхийтира Ибрах1им.  Кхуьнан дагахь дерг хиъча санна:
— Кест-кеста вог1у кхуза Къосум. Цуьнан дукхаеза меттиг ю х1ара. Аддам а ца кхочу кхуза, ша наггахь, б1аьстенан юьххьехь жа1уй бен, — велакъежира Ваха.
Сиха тилабора Вахас уьстаг1а.
— Хьо а вац моьтту суна х1ара дуьххьара тилош. Хьешй дуккха а уьхучах тер аду,  — элира бригадира.
— Дера, кху т1аьххьарчу иттех шарахь цхьа б1е-м тилийна хир бу ас х1орш! — мелла а дозаллийца, даре дира председателан шоферо: — Ветврач а вайн вешаниг ву. Эцца цомгуш хилла, белла аьлла акт х1оттийчхьана чекхдолуш ма ду кхаьрца дерг...
Ибрах1им цецваьккхинера шоферо иштта эвхьаза аьллачо. Иза леррина хьаьжира цуьнан жимачу, 1аьржачу юхь т1е, цхьа цатовш мерак1ел латийначу мекхашка.
Цо йийриг забар яцара. Шеца пред¬седатель эвхьаза хиларх воккхавеш, шена законера а, 1едалера а хила цхьа а кхерам бац, ша х1уманнах а вешаш а вац бохучу т1ера кура, декъаза къамел дара цо дийриг. Масех минот хьалха, шех лаьцна  Къосума  хаза  къамел дийцича    Ибрах1имна  а хиллера жимма там. Амма х1инца кхуьнан ойла хийцаяла юьйлира: «Х1аъ. Х1инца кхета со. Сох а ван г1ерта председатель х1окху шоферах санна, шен тешаме ялхо. Хьажахь, со-м г1ад а вахана 1арий-ц председа¬телан хазачу къамелана! Сан даг чохь а хилла-кх, декъазчу ялхочун ойланах х1ума! Со а хетарг хир вар-кх нахана, х1инца суна х1ара Ваха санна, атта а, пайдабоцуш а. Х1ан-х1а, суна эшац    председателан хьадалча, цунна мотт хьоькхуш лела ц1уьх1ар ву боху ц1е! Тховса-м кхаьрца ца сецча вер вац со. Воккхачо бохург цадар ца дог1у вайнехан г1иллакхца. Амма т1ейог1учу ханна хаа дика ду-кх х1ара тахана тосаделларг.
Уьстаг1а    язбайтина,    колхозан кассе ахча охьадилла сацам бира Ибрах1има...

Цхьана хенахь шашлык а еттина елира. Малх х1инца а дикка лакхахь бара.
Масех шампура т1ехь 1ийжаш, мутта охьа 1еналу шашлык а яхьаш, хевшина 1ачарна т1е веара Ибрах1иммий, Вахий. Аванес Петросовичан анекдоташка ладуьйг1уш буьйлуш, г1ад оьхуш 1ара председатель а, цаьршинна хьалхахьа шаьшшиннан стаммий, к1айн г1ог1аш а оьхьуш, хиъна 1ен ши жеро а. Къаьсттина воьлуш г1ад оьхура председатель. Хетарехь, цхьадолчарех, ша ца кхетташехь а воьлу хир вара, вуьшта а хьаькамо т1араш тоьхча хелхавала а кийча волу иза.
— О-о-о! Вайн шашлык а схьакхечи х1инца! Д1аэцал, АванесПетросович, д1аэцал, Зарган, Зина, т1ехилал шуьшиъ а. Шуьшинна-м вайуггаре а ерстанарг, хьаха, лур ю. Зинка, къаьсттина хьо азъялийта йиш яц Вашин, — меттахваьлла, г1адвахана хьаьвзира Къосум.
Ибрах1им, Вахий охьахевшинчаьрца г1иллакх лаьцна, юьстах сецира.
— Ибрах1им, Ваха, шуьшиъ юьстах стенна соьцу? Схьавоьл ший а тхуна улло, — корта ластийра Аванес Петросовича.
— Схьаяхал, Ваха, хьайн машен чуьра сиденеш. Охьахаа ший а тхуна улло, кхунна лууш хилча, — вистхилира Къосум Наибович а.
Х1ара шиъ а стоьлана, аьлча а, бай т1е тесначу шаршуна уллохьа охьахиира.
Цхьана юккъехь коньякан ши шиша а дассаделира. Ч1ог1а самукъа даьллера гулбеллачеран. Царех, г1айг1ане, сагатдеш хаалуш верг цхьа Ибрах1им вара. «Ма товш дац х1ара. Ас вовшахтоьхна нах кху маьлхан хьаьттарехь хьацарша а буьзна, йол т1ек1алтоха г1ерташ бохку, ткъа со кху 1индаг1ашкахь кхаьрца сакъоьруш 1а!..»
— Эх1! Ма хаза ду-кх х1ара лаьмнаш, х1ара 1алам, ирс долуш нах ду-кх шу, кхузахь дехаш долу! — куьйгаш шен коьртана к1ел а дохкуш, аркъалтаь1ира министерствера хьаша.
— Хьалавола хьо. Оха цхьа зуда а ялийна, ваха охьахаор ву хьо, — забар ян х1оьттира председатель.
— Веъча, дера вара сихха юха а ведда, г1ала охьаг1ур, — ца 1авелира Ибрах1им. Кхин а цхьа х1ума ша аьллачунна т1етоха дагахь хилира иза. Амма Къосума къарзийна б1аьргаш а гина, сецира.
— Х1унда боху ахь? — леррина цуьнгахьа а воьрзуш, хаьттира Аванес Петросовича.
— Кхузара д1аоьхучаьрга хаттал аш, шу д1а х1унда оьху, алий. 1ен-баха беш аьтту а ца хилча, белхаш бан меттиг а ца хил¬ча, д1аоьху-кх нах. Кху хазачу лаьмнашна юкъахь баха а ца лууш-м ца оьху хьуна уьш.
— Ткъа хьенан бехк хета хьуна иза? – хаьттира министерствера чиновника.
— Тхайн тхешан бехк хета-кх. Колхозан а, районан а хьаькамийн бехк хета. Шун бехк а хета...
— Ой! И х1ун ду, к1ант, ахь дуьйцург? Вай-м сада1а даьхкина дай. Кхана балха т1ехь дуьйцур ду вай уьш, — хьаставелла элира председатела.
— Витал и шена луъург дийца! — меттахвелира Аванес Пет¬росович. -Алийтал цуьнга ма-дарра, шена хетарг.   Дийцал,  Ибрах1им,  х1ун  дан деза аьлла  хета  хьуна,     нах  д1а ца эхийта, лаьмнаш дасса ца далайта?
— Доцца аьлча, ламаройн социально-экономически хьелаш тодан деза. Производительни ницкъаш дика ойла а еш, санехь боллучу кепара кхио беза...
— Собар-собар! Хьо институтехь политэкономии экзамен луш ма вац, — къежира Аванес Петросович. — Хьо х1инца говзанча ма ву, хьо волччохь хьайна зеделларг дийцал ахь, юкъарчу, макроэкономически  г1уллакхашна т1е а ца г1ерташ.
— Д1асовцадейша и шайн пайдабоцу къамелаш, — куьг лас¬тийра Заргана, шен п1елга т1ера бриллиантан мох1арш а къегош,— цулла а эшаршка ла дог1а вай! Ибрах1им, хьалалатаехьа и хьай¬на уллора магнитофон.
— Ресторанехь ца к1ордийна хьуна и зурманаш? — реза воцуш д1ахьаьжира Ибрах1им официантке. Т1аккха шен къамел юха а д1адолийра. — Суо волччохь зеделларш а ду сан-м дуккха а. Делахь а, х1инца массо а ламанийн районин юкъара халонаш а, г1айг1анаш а йийца луур дара суна. Хьо йоллучу а республикан а бала кхочуш хьаькам ма ву. Цундела долийра ас х1ара къамел а, суо цакхетарг хьоьга хатта. Ахь бехк ма билла суна...
— Ой! И бохург х1ун ду! Бехк буьллу х1ума дац иза-м, хазахета, хьо оцу г1уллакхан иштта бала кхочуш хилла. Дийцал ахь хьайна хетарг а, хаа луург а.
Къосум Наибович юьстах а вирзина, ша хьалха охьайиллина хилла кхехкийна устаг1ан ност яжа вуьйлира.
— Вайна ма-хаъара, ламанан дуккха а ярташ яссаелла. Нах охьабевлла Грозный, Аргун, Гудермес г1аланашка. Амма уьш заводашка балха ца оьцу цхьацца бахьанаш а хьийзош. Царех т1аккха я юьртабахаман а, я промышленностан а белхалой ца хуьлу, уьш цхьаццанхьа каетта х1уьтту, я шабашникаш хуьлу царех. Иштта телха къам, шена хуьлуш дерг х1уду а ца хууш. 
 Тахханехь и нах лаьмнашкахь а совцош, цаьрга даьхний ца леладайтича, кхана атта хир дуй-техь и нах юха лаьмнашка хьалабаха? Цкъа бежнаш д1атийсийтинчу нахе уьш юха леладайта а атта хир дуй техьа? И нах, къаьсттина, баккхий нах, цкъачунна тийсалуш бохку, шайн ницкъ ма-кхоччу, шайн дай баьхначу ярташкара д1а ца баха г1ерташ, аьхкенан заманчохь Казахстанехула, я йоккхачу Россехула божалшна поппарш хьеха а оьхуш. Цундела, цаьрга и поппарш а ца хьоьхуьйтуш, кхузахь царна болх хилийта аьтту бе вай массара а? Школера а дохий, бераш а оьций, д1аоьху, кханоле, гурахь бен ц1а ца боьрзу. Х1ун тайпа кхетам ло цу кепарчу «гастролаша» т1екхуьучу т1аьхьенна?
— Э-э! Собар дел, доттаг1а, ахь х1инца юьйцурш яккхий чалхаш ю.  Церан массеран а шен-шена мах хадо волахь, со кхана са хиллалц а вер вац, — дуьйцучуьра юкъах ваьккхира Аванес Петросовича бригадир. — Цкъа делахь, и нах колхозашкахь бан болх боцуш оьхуш бац генарчу   областашка балха. Шоллаг1а делахь, шун колхозникаш шу долчуьра д1аэхахь и шун шайн бехк бу. Аш хьакъ мадду царна баха хьелаш кхоьллича оьхур ма бацара уьш д1а.
Г1алара хьаша сецира. Багах схьа х1уъа дийцахь а, Ибрах1има дуьйцурш цунна оьшуш цахилар а, къоначу бригадираца башха лен догдог1уш иза цахилар а гуш дара. Шен хьаькаман дагахьдерг хууш а, цунна хьеставала 1емана а волу председатель юккъе иккхира, Йбрах1им вистхилале, сихвелла.
— Х1ан, валол Аванес Петросович, жимма дуьйлало вай, важа шашлык яллалц. Зарган, Зина, хьалхаяьла ший а. Вайн гатанаш а схьаэца, вешан дег1ах жимма хи а тухур вай. Ши к1ант, тхо духадахкале шашлык дика яттийталаш.
И де дахделлера Ибрах1имна. Лаьмнашна т1ехьа лачкъа х1инца а геннахь бара малх.
 «Ма дукха болх бан ларор хиллера тахана. Ма кхузахь 1ачохь дацара г1уллакх. Х1инца д1авоьдийла-м янне а яц. Моьттур ду, шайна оьг1азвахана кеп а х1оттийна, вахана. Ц1ерана гонаха хьийза Ваха ша а ларор вара.»
 Ибрах1им лакхо хьала а ваьлла, цхьана басахь аг1орвелира. Къоргачу 1аннаш чохь к1ур санна яйн, сийна дохк х1оьттинера. Эсала хьоькхура екхначу гуьйренан байн мох. Б1аьрго ма-лоццу гена къилбехьа д1а йоьлхура т1ехь хьун йоцчу, цанаша хуьлъйинчу лаьмнийн раьг1наш.
Лахад1ашхула д1айоьлху лаьмнийн раьг1наш попан хьаннаша д1алаьцнера. Амма и дерриге а лаьмнаш деса хетара. Наг-наггахь бен стаг карор вацара х1инца цу даккъашкахула волавелча. Амма карор яра наха д1атийсина ярташ, к1отарш, б1аьвнаш. Мацах иттанаш эзарнаш халкъ даьхна мехкаш дассаделлера.
 Йицъелла ма¬цах хиллачу яртийн ц1ерш. Коьллашший, къуххий даьлла, дукъделла мацахлера ирзеш а, шовданаш а. Мацах наха алссам йол кечъеш хилла цанаш х1инца евллачу ярашна юккъехула хьуьнан хьакхарчий уьдуш лаьтта.
 Хьастах ша районни газета т1е тоьхначу статья т1ехь дозаллаш дора Къосум Наибовича кху т1аьххьарчу пхеа шарахь ма1аш йолу даьхний кхо б1е коьртана алсам даьл¬ла, х1инца уьш цхьа эзар пхи б1еанга хьалакхаьчна, бохуш. Амма мел харж йо уьш кхаба г1ерташ, царна охьара оьций докъар кхоьхьуш, комбикорм лоьхуш... Ткъа цхьа ткъей итт шо хьалха ламанца наха лелош лаххара а пхийтта — ткъа эзар корта даьхний а, 1аламат дукха уьстаг1ий а хилла. Х1инца а лелалур дара оццул, х1етахь санна дола а деш, х1окху лаьмнех пайда эцча.
Охьарчу колхозашний, совхозашний д1аекъна дукхахйолу лаьмнийн дежийлаш. Цара т1е бажа хьийзош ятайо мацах мангал хьокхуш хилла цанаш. Басешкарий, боьранашкарий буц ша йоллучохь юьсу.
 Баь1аннаш шерашкахь говр яьллачу уьстаг1а ца болуьйтуш, уьстаг1а баьжначу даьхний ца лохкуш, наха лорре лелош хилла цанаш. Хууш хилла шайн мехкан дола а, пусар а дан. Ткъа х1инца шортта техника а ю, шортта минеральни удобренеш а ю, амма лаьмнийн дежийлаш а, лаьмнийн цанаш а ледара 1алашйо.
        Ибрах1имна дагаеара дукха хан йоццуш ша ешна книжка. «Нохч-Г1алг1айчоьнан производительни ницкъаш а, уьш кхиоран декхарш а», яра цуьнан ц1е. Дагалецира цуьнан автор. Иза вара экономически 1илманийн доктор Багдарян. Ч1ог1а нийса язйина книга ю иза! Хетарехь, ша карзахвохуш хиллачу массо а хаттаршна жоп карийра Ибрах1имна цу жимчу, кехатан мужалт йолчу книги т1ехь. Ма нийса язйина а ю! Кхеташ 1илманча волчух тера ду и язйинарг. И саннарш бара хьаькамаш бахийта безаш. Царна хуур дара нахе болх муха байта беза, юьртабахам эвсаралле муха хилийта беза.



       Ибрах1има юха а шен тетрада т1ехь йозанаш дора:

Т1емах лаьцна ойланаш.

       Шен лаамера д1аваьлла, кхечу нехан ламе вирзинчу, маршо а, парг1ато а д1аяьллачу стеган ойланаш ша – тайпа хуьлу. Цуьнан мохь бетташ дийца а, кхийкхо а дуккха а х1уманаш хуьлу. Шега ладуг1уш нах к1езиг хиларе терра. Амма со кху ор чохь воьхна вац, халча х1оьттина а вац. Суна хеа: Дала диннарг хир ду. Дала динчунна со реза а ву. Со кхоьлланарг а Дела ву, со д1авуьгу вверг а, мацца вигахь а, Дела ву. Далла ма хеа, со ша хесахь кхиийна г1абакх йоций а, ша сунна кхетам а, эхь-ийман а цхьана х1уманна деллийа. Со кху дуьненчохь оьшуш вац аьлла хетахь – вига д1а. Оьшуш ву аьлла хетахь, яккхийта кхи а цхьа зама. Дерриге а Сийлахь Воккхачу Делехь ду. Со цуьнах тешна а ву.
       Сайна ма-хеттара аьлча, суна инзаре дукха дезара, х1ай Сийлахь Дела, х1ара дуьне, х1ара иштта сакхте а дитина, д1аваха.
       Суна х1инца карайна, х1ай Веза, Воккха Дела, айса кхулт1ехьа бан дага лаьцна  т1ом Йилбазца бан декхара хилар. Вуьшта, хьенах лата со? Мила хьаста аса? Стена т1ехь къахьега ас, айса кхулт1ехьа дуьненчохь йоккху зама мелла а алсам пайдехь хилайта? Суна ледара, осала ма хета деккъа ц1ена хьоьга до1анаш а деш 1ар. Ахь суна а ма беллера кхетам а, эхь-иман а, г1ехь деналла а.
       Гобаьккхина – т1еман къур. Массо а адам ду боху шина когат1ера х1ума вовшен яа, вовшашна т1ехаа г1ерта. Иштта къиза ахь кхоьллина х1ара хаза дуьне, я Йлбаза галдаьккхина х1ара?
       Суна цхьа х1ума-м хеа, х1ай сийлахь Дела – шен ойланашца а, шен г1уллакхашца а шалхонаш лелон стаг ахь къобалбинчу новкъа д1аг1ур ца хилар, ахь къобалъйнчу 1алашонашка кхочур ца хилар. Цундела сайн ойланаш ма-ярра хьан а, нехан а кхеле мукъа яхка ас? Аса санна ойла еш берш цхьана хорша бирзича, мелла а улло г1оьртар дацарате тхо хьан коьрта лаам бовзарна, х1ара Хьан исбехьа дуьне мелла а харцонех, баланех ц1андарна?
       Цхьане ойла е вай, х1ай нах, мича т1амехь кхехка вай, муьлха аг1о лаца вай кху т1амехь? Синпарг1атоно ирсе кхачортехь вай, Илбаз дийнахь а, буьйсанна а, цхьане а минотана мокъа 1аш ца хилча?
       Т1ом…  Иза цкъа а сецна а, хаьдда а бац. И ца хууш верг дакъаза волу. Адам делахь – адам. Къам делахь – къам.
       Т1ом хаьдча  адам хьере, сингаттаме хир дара. Цундела латтадо Дала дуьнена чохь Йлбаз (сатана, бес, дьявол) – т1еман а, вон мел дочуьнан а да.
       Дала вайна 1аламан хазалла, безаман марзо, дахаре шовкъ елла, адамашна даха лаийта, дахар дезийта, адамаш хазаллина, хьекъална, оьздангаллина, токхенна т1е г1ертита. Амма адамаш доллачун а кхачам а хилла, парг1ате девллачул т1аьхьа дуьнен чу боккха сингаттам х1уттур бара. Цундела Дала могуьйту Йоккха Харцо, цу харцонца дуьстича нийсонан, парг1атонан, машаран сий-пусар дан хаийта, цаьрга сатийсийта.
       Дерриге а девза дустарца. Шелонехь г1орийгначунна дика хеа йовхонан пусар дан. Мацалло хьийзайначунна дика хеа юург 1алашъя. Харцоно 1аьвшанчунна дика бевза бакъонан мах. Воно 1овжийнарг дика кхета ша сана воно лаьцначух. Бала ца лайначунна шега кхечо бала буьйцуш кула йолу…
       Уьш дерриге а адамашна хууш а, адамаша зийна а х1уманаш ду. Т1къа стена доху карла? Х1ун ала г1ерта вай?
       Хууш дерш дицло, тидамера д1адовлу х1ора муьрехь а карладохуш ца хилча. Д1адиллина латточунна матар тосу, мекха юлу, неца бо. Коьрта х1умнаш ду кху дуьненчохь кест-кеста карладохуш хила дезаш, дийнахь пхеазза ден ламазаш сана. Уьш дицделча, церан маь1на, мах, ницкъ ца хиъча, буссу махкана баланаш. Ткъа вайна, нохчашна, к1езаг гина уьш? Кхул т1аьхьа кхи гур бац, аьлла, тешам хьан белла, мичара баьлла вайна? Хиллачех маь1на а дина, кхид1а иштта ледар а, осал а, 1овдал а хир дац, аьлла, сацам бинарш муьлуш бу вайха? Мича 1илманна, хьекъална, пох1мина, зеделлачунна т1ехь бина вай и сацам?
       Сапарг1ато (благодушие), бала ца кхачар (безразличие, беспечность), х1ума ца хаар, хаа ца лаар (невежество, тупость) – царел къилахь х1ума дац! Царна юьккхехь бо Йилбазо шен бен! Йилбазан бехк бац. Цо кху дуьнен чохь лелош ерг шен амал ю. Бехк – Йилбаз кхиийначун, дузийначун, цунна ницкъ беллачун бу! Ишттанаш вайна юьккъехь хилла а, болуш а, хир болуш а бу, цу декъазчу нахана шаьш мел кхерамечу новкъахь ду ца хаахь а. Вай церах лаьцна ваьшна хетарг эр ду.

       Т1ом…
       Т1ом хедар бац, х1ара дуьне мел лаьтта.
       Бакъоно т1ом бо харцонца.
       Собаро т1ом бо сихаллица.
       Доьналло т1ом бо тешхаллица, осаллица.
       Комаьршалло т1ом бо сутараллица.
       Тешамо т1ом бо тешнабехкаца, мекараллица.
       Парг1атоно т1ом бо 1азапаллица.
       Безамо т1ом бо… массо а вочу х1уманца!
       Безамо синошна дарба до.
       Безам болчахь яц къизалла, харцо, осалла.
       Безам массо а х1уманца бакъ бу.
       Безам – дуьненан маь1на ду.
       Кху дуьнен чохь угаре а коьртаниг –
       Деле болу безам!
       Дерриге а дуьне латтош берг –
       Деле болу безам!
       Безаме бен эшалур бац Боккха Т1ом!
       Безаме бен эшалур яц Йоккха Харцо.
       Безамах бен ца озало  Йилбаз!

       Безам уггере а хьалха шен чохь, шен х1усамехь ца хилча ца болу. Шен чохь безам ца кхиийначунна арахьарчу адамашна юьккъехь безам дебо а хуур дац. Безамца воцу къонаха Йилбазан йийсарлехь ву.
       Оьг1азалла, хьаг1, цабезам, к1изалла… Осалчу стагехь, ледарчу адамашкахь алсам ю уьш. Царех ларваларо, уьш шен даг чу ца аьттехьа а ца йитаро билгалдоккху – ю къонахчехь Нохчалла, я яц! Х1ун ю Нохчалла? Стенах олу Нохчалла? Заманца к1езаг х1унда хьехайо вай иза? Хьанна, х1унда леа Нохчаллин мах охьабаккха? Хьанна, х1унда леа вай Нохчаллех д1ахерда?  Хьанна, х1унда леа вайн ойланаш тиларшка хьийзо? Вайна х1унда ца бевза х1инца а цу т1ехь Йилбазо беш болу болх? Цу балхо ца хьийзабо кху чохь юха а т1ом? Цу балхо ца даьхна вай оч? Цу балхо ца тийсина вай вовшен коча?


       Юха а Аванес Петросовичца къамел дан дагахь вара Ибрах1им. Дукха хан ца елира х1орш юха а керла еттинчу шашлыкана го бинна охьаховша.
Къосум Наибович ц1ийвинера меллачу коньякой, аьхкачуьра хьалабинчу некъой. Вела а къежна:
— Кхуьнца кхин къийсаме ца вуьйлуш, 1адда1елахь, — элира
цо нохчийн маттахь, лохха.
Иштта къажа а къежна, председатела шеца къамел дича, милла а васталора. «Ма оьзда стаг ву и вайн председатель, цхьана дена бина вон болх бац-кх цо», — олура цунна цхьаболчу наха. Т1ехьаьжна а вара Къосум Наибович цхьа горга, верстина, эсала стаг. «Къосума шех эхь а хоьтуьйтуш бойту нахе болх», — олурш а хуьлура. Х1инца Ибрах1им а вухавелира ша дагалаьцначунна г1ера.
Массо а вист а ца хуьлуш, юучух тасабелла бохкура.
— «Шашлык» боху дош мичара схьадаьлла хаьий шуна? — хаьттира Къосума.
— Ца хаьа суна-м. Вуьшта, хьуначул дика х1ара кечъяран теори а практика а хуур йоций-м хаьара суна, — вела къежира Ава¬нес Петросович.
— Мацах заманчохь вайнаха хан-зама цхьай-цхьайтта шерашна йоькъуш хилла, — дийца волавелира Къосум. — Х1ора цхьайтта шо мел дели, лелош шен-шен билгалонаш хилла. Дуьххьарлера цхьайтта шо чекхдаьлча, саг1ийна дийначу бежанан наб схьа а йоккхий, цуьнца дарбанаш лелош хилла. Шоллаг1а цхьайтта шо чекхдаьлча бежнийн шоьшланаш схьа а йохий, уьш г1ожмаш буьххье а юхкий, к1егаш т1ехь ятта а йоттий, нахе кхоллуьйтуш хилла. Цу кеппара бецашца тойинчу шоьшланехь «шоьшлиг» олуш хилла. И шоьшлиг ч1ог1а дарбане лоруш а хилла. Иштта, цигара дуьйна схьадог1уш ду-кх и х1инца вай «шашлык» олуш долу дош, — ша дийцинчух тамхилла къежира Къосум.
— Ян а ю х1ара ч1ог1а дарбане х1ума, — эккхийтира хьешо.
— Ватта, сан дела! — цецйолу сурт х1оттийра жерочо Заргана. — Су¬на-м цхьанхьа Сочера, я Ялтера схьадаьлла хир ду моьттура и дош!
— Моьттур ду хьуна а. Шен са лаьттачу ма хьийза ойланаш, — забар йира Вахас, жеро хьавзон дагахь.
       - Хьо ваа   кьуо везачо! Моьттур дац со цига кхача ч1ог1а са тесна ю! Сочел а хаза яц вайн меттигаш? Со-м 1алур яцара баттахь а кхузара д1аяьлла. Ас тамаша бо кхузара д1аоьхучу нахах.
Къамел юха а хьаьвззина ломара д1аоьхучу адамашна, дассалуш лаьттачу лаьмнашна т1е деара.
Х1инца Ибрах1им а ца 1авелира, хьалхо хаьдда шайн къамел юха ца долийча. Республикан юьртабахаман министерствера веанчу хьаькамца иштта, х1инца санна, парг1атехь шен дагахь дерг дийцар кхуьнан кхин нислур ду ала меттиг яцара.
— Ас дукха хан йоццуш цхьа книга ешна, — д1адолийра брига¬дира, — аш иза ешна хир ю-яц ца хаьа суна. Вайн республикан къинхьегаман т1аьхьалонаш муха юкъаозо еза дуьйцура цу т1ехь. Ламанийн районех лаьцна а ду цу т1ехь дуккха а.
— Дийцал, дийцал. Х1ун боху цу т1ехь? — Магийра Аванес Петросовича.
— Цу т1ехь вайн эрна бовш болу, акха стоьмаш буьйцу. Охьа а етташ, д1акхоьхьу лаакхара мах болу попан хьаннаш юьйцу. Ледарчу хьолехь йолу ламанийн дежийлаш юьйцу. Стоьмех консерваш ен комбинаташ, хьуьнан аьргаллех цхьацца пайдехь х1уманаш ен цехаш, лаьмнашца уьстаг1ий лелон совхозаш ехкича, нахана бан белхаш а, 1едална алссам пайда а хир бара боху-кх цу книжки т1ехь...
Аванес Петросович вела къежира.
— «Нохч-Г1алг1айчоьнан производительни ницкъаш а, уьш кхиоран декхарш а» аьлла юй цу книгийн ц1е?
— Ю!
— Бевза суна и болх.
— Бовзахь, нийса дац цу т1ехь дерг?
— Нийса ду. Вуьшта, иза теори ма ю, жима къонаха. Теориний, практиканий юкъахь мел йоккха башхалла ю хаьий хьуна?
— Ткъа мила ву и «башхалла» ца хилийта декхарийлахь верг?
— Хьуна моттарехь-м со ву. Вуй?
— Хьо ву ца боху ас-м. Вуьшта, луур-м дара мила ву хаа.
— Цкъа делахь, и берриге а белхаш планашна юкъабаха безаш бу. Царна экономически бух кхолла а беза. Финансировани оьшу. Хьуна хьайн бен г1айг1а яц моьтту цу г1уллакхийн? Масийтта ми¬нистерство, Госплан, проектни институташ, дуккха а нах ма бу цу белхийн г1айг1а йолуш.
— Ткъа уьш и г1айг1анаш еш 1ашшехь, цхьацца-шишша воьдуш лаьмнашкара нах д1абахана бевлча, х1ун дан деза вай? Цхьана хенахь «даешь целину» бохуш санна, «даешь горы» бохуш лозунгаш а етташ, агитмассови болх лелон безар буй те вайн?
Ибрах1иман б1аьргаш серладевллера. Гарехь, иза кийча вара хьешаца дийнахь а, буса а къийсавала.
 Къосумна моьттура к1ант ша институтера деана хаарш гайта г1ерта. Цундела председатель кхоччуш оьг1азвахана, макхвелла 1ара. Аванес Петросович-м, мелхо а х1инца ч1ог1а самукъадаьлла, г1адваханера. Гуш дара, иза стенна делахь а, ша-шена кху сохьта ч1ог1а резахилар.
Ваха а, ши жеро а х1инца ладоьг1нначохь сецнера. Уьш г1еххьа цецбевллера, мила ву а ца хууш волу селханалера студент министерствера веанчу хьаькамца иштта ч1ог1а къовсаваларх.
Амма цхьанна а ца хаьара къоначу бригадиран даг чохь доллург. Цунна шена бен ца хаьара, кху масех шарахь цо йина ойланаш. Цуьнан б1аьргашна хьалха лаьттара мехкан кхечу республикийн а, областийн а вокзалашкахь, кара чамданаш а лаьцна, т1аьхьа кегийра бераш а х1иттийна, хьаьвдда лела шен махкахой. Дукхаха берш лаьмнийн районашкара бахархой бара уьш.
— Колхозийн карахь а ю дуккха а таронаш, — ойла йина-а элира Аванес Петросовича. — Шуна лиъча, шун а хир бара ницкъ цхьадолу х1уманаш кхочушда. Хьан новкъарло йо шуна шайн лаьмнийн дежийлаш кхоош, санехь лелон? Шун лаьмнашкара дукхахйолу цанаш куьйга хьокхуш ю. Басешкарнаш х1ора шарахь а 1адда юьту. Шерачу к1айдаргаш т1еранаш мукъане а косилкашца х1унда ца хьокху аш? Аш алсамо докъар кечдеш хилча, шуьга лаьмнашкахь уьстаг1ийн кхин цхьа ферма а йиллалур ма яра.
— Косилкашца хьаькхча, д1аерзо лара ца до. Цхьана шарахь хьаькхнера оха. Яхкаелира, чуерзон аьтту а ца хилла, — сихвелла юкъаиккхира председатель.
— Кхушара а хьаькхна.
— Муха? Х1ун хьаькхна? — Цецваьлла, Ибрах1име хьаьжира Къосум.
— Со хьоьга эр бохуш 1ара, Къосум Наибович, йол нийсачуьра косилкийца д1ахьакхийтина ас. Тахана белхий бара сан цигахь, и д1аерзош...
Къосум ладоьг1нначохь сецира. Х1инца дагадеара цунна шега Хойбаха хьала вола аьлла, цигарчу гергарчу наха даийтина ха¬бар. Кху сохьта, уллохь министерствера веана векал а волуш, ше¬на хетарг дуьйцийла яцара председателан. Цундела иза д1атийра, ша хиъна 1аччура д1а юьстах туй а кхоьссина.
— Нийса хьаькхна-кх, хьаькхнехь, — Т1етодира хьешо. Вахас стаканаш маларх хьаладуьзира. Ибрах1им кхийтира, долийна къа¬мел хадахь, иза юха долон хала хир дуй. Амма иза бага г1аттон кхиале:
— К1ант, хьо тахана къамелана дукха шарвелла, цундела х1инца хьоьга дош алийта лаьара суна. Цкъа хьайн дагахь дерг дерриге а охьа1анор ду ахьа, ткъа цул т1аьхьа х1ара нах сада1а буьтур бу ахь. Д1аэцал стака! Алал хьайн ала дерг! – т1ечевххана элира председатела.
Ибрах1им жимма ладуг1уш сецира. Лаккха, д1акхевдина, ста¬ка схьа а эцна, хьала а г1аьттина, элира:
     — Накъостий, сан хабарш шайна дахделлехь, бехк ма билла.Аванес Петросович суна дуьххьара гуш ву. Кхул т1аьхьа кеста гар нислой а ца хаьа. Суо шоллаг1чу курсан студент волуш ас дуьх¬хьара язйина реферат вайн районийн производительни а, къинхье¬гаман а т1аьхьалонех лаьцна яра. Сан дипломни болх а оцу темина язбина бу. Х1унда аьлча, сан а, со санна, т1екхуьучеран а г1айг1а ца хилча, хьенан хир ю г1айг1а вайн экономикан, вайн социально-культурни хьаштийн?
      Со масех шарахь студентийн г1ишлошъяр-хойн отрядашца вайн махкахула г1ишлошъечу лелла. СССР мел ю баьржина лелаш бу аьхкенан заманчохь нохчий а, г1алг1ай а. Къаьсттина ламанан районашкара адамаш. Шайн ярташкара д1а а бевлла, гуттаренна а уьш д1а а ца бахало, ткъа уьш ц1ахь 1ийча вай г1еххьа алапа хир долчу уьш балха нисбаран хьокъехь г1айг1а ца бо.
      Лаа боьлхуш ма бац уьш шайн х1усамаш а, ярташ а юьтуш, генна махкахула белхаш леха. Бахча а, х1оразза а аьтту хуьлий а ца боьрзу уьш ц1а. Бакъду, ша массо стаг а ша вин-винчохь соцуш хилча, ахаза дуьсур дара Казахстанера байн-латтанаш, яза юьсур яра Турксиб, Магнитка, акха мохк а хилла лаьттар яра Сибирь.
     Вайн махкана оышшучу барамел совъевлла къинхьегаман т1аьхьалонаш д1асайовлар ша ду. Ду, нагахь махкана цхьана хенахь пайдехь хилла меттигаш яссалуш яцахь. Лаьмнашкахь а ма оьшу вайна нах! Лаьмнашкара а ма бу хьакъ боллу пайда схьабаккха безаш! Вайн ерриге а таронаш юьстина, лерина хила ма еза!
Ас кхин деха дуьйцур дац, - бехкала вахана, ша дукха лерах, дерзош дийцира бригадира, - дерриге а сайн даг чохь 1еткъаш дерг д1адийцича-м, ас тховса са хиллалц дуьйцур дара. Багдаряна шен книги т1ехь ма-яздарра, кху меттехь продукци а ца еш, генна кхечухьа д1акхоьхьучу попан хьаннийн аьргаллех лаьцна дуьйцур дара, ехкича 1аламат мехала хин йолу цхьацца г1оьналлин предприятеххий, яккхийчу заводийн а фабрикийн а филиалех лаьцна дуьйцур дара. Иза а цхьана хенахь кхочуш хир ду. Вайн хьешан Аванес Петросовичан могашаллийна т1ера, цуьнан аьттунна т1ера молийла лаьа суна вай х1ара кедаш! Тешаш хила лаьа суна, вайн хьаштех а Аванес Петросович кхеташ хирг хиларх, цо вайн г1айг1а бийрг хиларх а. Суна бехк ма билла, амма суна даггара луур дара, оцу ас вийцинчу авторан, Багдарянан книжки т1ехь долчуьнан Аванес Петросовича ч1ог1а ойлаяр!
Ибрах1им баккхийчара д1амаллалц сецна 1ийра. Амма вуьйжаш сих ца лора. Къосум Ибрах1име хьаьжжинчохь висинера. Аванес Петросович а 1ара вела а къежаш. Кхиберш а севцнера, хьаькамаша д1амаллалц бохуш.
— Аванес Петросович, и мила Багдарян ву цу к1анта вуьйцург? Хьан ваша-м вац иза? — хаьттира цецваьлла 1ачу Къосума.
— Вац. Со ву-кх иза. Со суо ву-кх кху хьан къоначу специалиста  суна т1ехветташ верг...
— Муха? Хьо ву и Багдарян? Ахь язйина ю и книжка? — Кхоччуш цецвелира Ибрах1им.
— Ю. Ши-кхо шо хьалха. Суна ч1ог1а хазахета ахь и книга иштта къобалъеш.
Къосум Наибович а, цхьана болу накъостий а, бийлабелла, г1адбахара. Массарел а самукъадаьлла хьаша а хьийзара. Ибрах1им г1еххьа воьхнера. Цкъаделахь, ша оццул къобалъеш т1еэцначу книгин автор вевзина воккхавера къона бригадир, т1аккха делахь, ца кхетара, ша язйинчу книжки т1ерачу г1уллакхашна х1ара сил шийла хиларх. Цунна ца хаьара, ша х1ун ала деза. Урокехь «шиъ» даьккхинчу дешархочух ша-шен тарвеллера. К1ентан коьрте хьаьвддачу хаттаршна жоп луш санна, вистхилира Аванес Петросович:
— Гой, хьуна, Ибрах1им, ас хьоьга хьалха а элира, теории — теори ю. Практикехь дерриге а иштта сиха ца нисло. Шераш довлу куьйгалла дечу органаша иза дахаре юкъадале. Шек а ма вала хьо. Хьаькамашна 1аламат дика девза вайна хьалха лаьтта г1уллакхаш. Ткъа шу шаьш беш болу болх дика бичхьанна довлу...
Ша-шех самукъа даьлла, г1адвахханчохь висинера министерствера хьаша.


**

Буьйсанна сада1а кечлуш яра шира Хойбаха. Боккха кхеттачу горгачу батто г1ийла серладаьхнера геннахь ирахъихначу башломан баххьаш, хойбахойн т1улган ц1енойн пенаш, дехьо-о ирахъихна шира б1аьвнаш.
  Лахо-о 1ин чухула луьста яьллачу хьуьна юккъера схьахезара буьйсанан олхазаро наг-наггахь туху сингаттаме мохь.
Массо х1ума а гуш, массо х1ума а хууш, гонаха хуьлуш дерг зуьйш санна, д1атийна 1охкура масех б1е шо хьалха т1улгах доьттина маьлхан кешнаш. Хетара, кху кешнаша а, б1аьвнаша а вовшашка мацахлера х1уманаш дагалоьцуш шабар-шибарш деш санна.
Ч1ог1а исбаьхьа хетара къоначу бригадирана эзарнаш шерашкахь шен дайн б1аьрса, дог-ойла хьистина хилла х1ара шира латта...
        Воьддушехь, ц1аваха дог ца дог1ура. Басах хьала хьаьвзачу готтачу новкъа хьала а ваьлла, Лайса ехачу ц1еношна уллохула вала дагахь д1аволавелира Ибрах1им. Г1аларчу хьешаца шен тасаделлачу къамелан хьокъехь дагавала стаг а оьшура. Ткъа хьаьнга дийр ду доггаха и къамел, шен даго къобалвечу стаге бен?
      Йо1 ехачу х1усамна ша улло мел г1оьрта, карзахдуьйлура Ибрах1иман дог. «Маржа я1, гур яц-теша тховса? Хьаьккхана, керта ваха бакъахьа а ма дац. Хьанна хаьа, нахана а, цунна шена а х1ун моьттур ду...
      Амма боьллачу бодано майравохура иза. Лоьцучу эхь-бехкал туьйлира жимачу корехь къегинчу серлонан ницкъ.
     Ибрах1им меллаша корана улло вахара. Геннара б1аьрг кхийтира цуьнан шен хьийкъина хьаьрса месаш готтачу белшаш т1ехула охьа а хецна, стоьла т1ехь, цхьаъ-м йоьшуш, охьатаь1на 1ачу Лайсех. Чохь кхин аддам а дацара.
— Лайса! — меллаша вистхилира к1ант, хийра кор жимма д1а а тоттуш. Йо1 меллаша схьайирзира:
— Мила ву?
— Со ву, хьо къинт1ера яккха веана.
Ибрах1иман аз девзина, ела къежна, ша 1ачуьра хьала а Лаьттина, кора улло еара йо1.
— Сой? Со стенна йоккхуш ю ахь къинт1ера?
— Со, шу а дитина, д1авахарна. Ма дов дина хир дара аш сунна.
— Ца дира дера оха-м. Председатела аьлларг ца дича волий хьо? Вуьшта, хьо д1аваханера аьлла, ледара ца 1ийра хьуна тхо-м. Гиний хьуна оха бина такхораш?
— Ахь боккъала а бохий? Такхораш бан а ларийра шу? — Г1адвахана хьаьвзира Ибрах1им.
— Дера ларийра. Нагахь дог1а ца даг1ахь, кхана важа йисинарг а схьалахьош г1о дан дагахь ду тхо-м!
— Хьажа г1ой вайшиъ аш бинчу балхе? — цхьа ларамаза иккхира к1антера, ша олучун башха ойла а ца еш. Хетарехь, цо иза иштта атта аларна, т1етайра йо1 а:
— Г1уо. Со х1инцца арайолу хьуна.
Оццул дукха дийца дагалаьцнарш д1адайра дицделлера Ибрах1имна, улло йо1 а х1оттийна, беттан серлоно г1ийла къегочу готтачу новкъахула ша юьртал аравала воьлча. Х1ара самах а доцуш, цхьа ирсен г1ан долуш санна хетаделлера. Лайса кхуьнца бодашлахь д1аяр – г1иллакхаха йохар, я эвхьаза яла лаар дацара, к1антах тешар, иза ларар дара.
— Тахана тхо сада1а охьахевшинчохь директора  Салман Темирсултановича дийцира тхуна цхьа тамашийна х1уманаш, кху лаьмнийн исторех лаьцна, - элира Лайсас.
— Х1ун дийцира цо?
— Суна хуур а дац х1инца ма-дарра, цо санна, уьш схьадийца. Истории цхьана а учебникаш т1ехь а, книгаш т1ехь а доцурш ду¬кха хаьа цунна. Ткъа шо сов хан хилла цо шена хезнарг а, карий-нарг а, хааделларг а д1аяздеш, лерина лелон. Иштта д1аяздина дуккха а тетрадаш ду цуьнан.
— Цо ша дийцира хьоьга? — ма-дарра духе кхиа г1оьртира Ибрах1им.
— Дийцира. 
   — Дийцахьа, хьайна хезнарг. Со а ма ву вайн мацахлерчу исторех лаьцна х1уманаш хаа лууш а, уьш хазахеташ а.
— Х1инца-м, бодашлахь, ца къаьста уьш, дийнахь терго хиллий хьан д1огарчу шерачу ломан басошкахула д1а цхьатерра, некъаш санна, д1аиддачу хершнийн?
      - Хилла. Бежнаш лелла даьхна некъаш дац уьш?
      -  Д1авала д1а! — елаелла, г1адъяхара Лайса.—Хьуна-м х1умма а хууш а ца хилла,хьо агроном велахь а. Уьш-м мацахлерчу наха шайна, т1ехь ялта лелон даьхна ошанаш дай!
     - Муха?  Ошанаш? Террасни земледелий?! — цецвелира  бригадир.
— Хаац, иштта юлу хир ду-кх цунах 1илманан маттахь. Мацах хазарашца а, татаро-монголашца а, Тимураца а т1емаш лаьттинчу заманчохь царна т1ераниг бен кхин рицкъа доцуш, бала хьегна-м боху Салман Тимирсултановича вайн дайша.
       Охьарчу шера¬чу меттигашкахь шаьш 1ен ца дитча, цу кочевникашна ясакъ а луш, церан йийсарехь ца 1ен, кху лаьмнийн баххьашкахь а, хьаннийн ч1ажашкахь а, шайн махках цхьа т1емалойн лагерь а йина, б1ешераш даьхна боху вайн дайша. Кхузарчу меттигийн ц1ерш евзий хьуна? — х1иллане ела а къежаш, хаьттира йо1а.
— Мича меттигийн? — ца кхийтира Ибрах1им.
— Лаьмнийн а, к1отарийн а, б1аьвнийн а.
— Хаьа... цхьаерш-м...
— Ас хьоьга хьалха ма-аллара, х1ара лаьмнаш, ялх-ворх1 б1е шо, кхин а хьалха а  вайнехан т1емалойн дийнна лагерь хилла. Цхьанхьара, кхечу махкахь мостаг1а гучуваьлча, цара уггаре а лекхачу лома буьххьехь ц1е латош хилла. И ц1е шайна хааелча, кхечара а латош хилла шайн даккъашна буьххьехь, я б1овнаш т1ехь ц1е латош химлла. И ц1е шайна хааелча, массанхьа а гонахьа 1ачара а летош холла орцанан ц1ераш.
       Цу кеппара, боллучу махкана а хууш хилла, мостаг1а т1ег1оьртиний. Т1аккха цхьане цунна духьало ян кечлуш хилла. Х1етахь дуьй-на схьайог1уш ю и орцанан а, т1емалойн а ц1ерш. Хой алар Орцан Дукъ алар цу б1аьвнна буьххехь ха деш хиллачу хехойх схьадаьл-ла ду, Орцан дукъа т1ехь орцанан ц1е латош хилла. Кхеташ  коьрта т1ехь нах кхеташоне, я кхеле гуллуш хилла. Т1ам т1ехь кхера а велла, веддачунна некъайистехь к1арлаг1а еш хилла, не1алт кхайкхош...
Ибрах1имна шена а хаьара и цхьадолу х1уманаш. Х1етте а, ч1ог1а самукъадаьллера цуьнан иза Лайсас дуьйцуш.
Цуьнан беран санна дуткъа аз, дог-ойла хьоьсту мукъам санна декара.
 Къона ши адам, набарна кечъелла Хойбаха г1ехь лахахь а йитина, цхьана т1улган голанах хьала а даьлла, екхначу стиглара чукъаьрзинчу батто серлаяьккхинчу, хьаькхна, лекхачу бацах д1ац1анйинчу, ше¬рачу к1айдарга т1ехула ул-улло а х1оьттина дог1ура.
Геннара схьа говрашкахь бог1учу нехан къамелаш а, говрийн когийн тата а хезира. Ибрах1имна дагадеара цкъа нацкъара вала. Амма даго ца витира иза дан. Говрашкахь волу кхо стаг шаьш улло нисвелча, шайн говрийн болар лаг1 а дина, леррина кхаьршинга хьаьжира. Т1ехбевлла, д1абуьилабелча, цхьаьнга лохха велар иккхира, Ибрах1има а, Лайсас а шаьшшинна иза ца хезна сурт х1оттийра. Амма Лайса кхинд1а ца еара.
— Д1огахь, басахь гой хьуна? Х1инца карор буй хьуна и такхор, хьуо дийнахь веъча?
      И шиъ духадирзира.
Беттан серлонехь къегара йоь1ан къайчу логан аг1онаш. Семачу дагна хаалора Лайсина ша хийра ца хетий. Амма х1умма а д1ахьахо тховса нийса доций хеара шех теша а тешна,юьстаха яьллачу йоь1е. Хетара, нийса ца аьллачу цхьана дашо а дерриге а дохор долуш санна.
 Ша йо1аца цхьаьна йоккхучу х1ора миното а хьоьхура к1антана шаьшшиъ вовшахкъаста йиш йоцуш, дегнаша вовшашна къобалдеш хилар. Лаьара йо1е уггаре а къайлаха дерг, уггаре а шен дог-ойла карзахйохург дийца, цуьнна тешаме накъост хила. 1а а ца велла, Лайсига дийцира цо г1аларчу хьаькам-ца шен хилла къамел а, къовсам а...
— Мацах мостаг1аша, т1ехьо большевикаша, чекисташа  луьра хьийзош, баха ца битина ламарой, х1инца цу цхьаболчу хьаькамийн бузар бахьанехь, кхузара д1абовла мегаш бу.
Лайса леррина ладуг1уш йог1ура. Иза дика кхетара к1анта дуьйцучух. Амма Ибрах1има ц1еххьана хадийра ша дуьйцург.
— Хьуна со Крыловс шен «Пил а, моська а» басни т1ехь ма дийццара, хьаькамашна а лийна, сайн сий а, ларам а хьаладаккха г1ерта моьтту хир ду...
— Ой! — цецъелира йо1. — Соьга х1унда боху ахь ишттаниг? Суна ма хаьа хьан царех д1атарвала йиш йоций а, тарвелча, цунах болх хир боций а. Къар ма ло хьо, хьуо бакъ велахь. Бакъ луьйриг цкъа а эша йиш йоций ца хаьа хьуна?
Ибрах1им леррина хьаьжира йоь1е. Иза г1еххьа цецваьккхира цу дешнаша. Уьш 1аламат нийса а, шен хеннахь а аьлла дара. Теша лиира к1антана, х1инца дуьйна ша бохург доггах къобалдеш, шена уллохь цхьа накъост хирг хиларх. Иза к1езиг дацара. Цо дог дуьзира къоначу говзанчин. Бицбелира шена таханлерчу дийнахь мел хилла цатамаш.
Ибрах1имна йо1ах лаьцна алесам хаа лаьара.
— Лайса, хьоьх лаьцна х1умма а ма ца дуьйцу вайшимма.  Мила ву хьо сил лерина х1окху лаьмнийн ч1ажа йоьллинарг? Охьахь болх бан кхин меттиг ца нисъелира хьуна?
— Со аддамо а нуьцкъала ца яийтина, — жоп делира йо1а.
— Хьайн лаамехь еана ткъа хьо кхуза?
— Иштта тамашийна х1ума ду иза?
— Тамашийна х1ума а дац иза-м, — юхавелира Ибрах1им, жимма ойла йина. — Вуьшта, кегийчарна г1алахь, 1ен-ваха аьттонаш алсам йолччахь 1ан ма лаьа.
— Хьо а ма вац дукха къена а. Хьо муха 1ало кху «акхачу» лаьмнашна юккъехь?
— Со ц1ера кхузара ма ву. Цул сов, сан говзалла а ма ю юьртабахамца йоьзна.
— Юьртабахаман институташ яьхнарш а бу-кх дуккха а г1аланашкахь цхьаццанхьа урхаллашкахь, станцешкахь, институташ-кахь бохкуш.
      — Иза а ду бакъ, — реза хилира Ибрах1им. Цунна дагадеара ша диплом схьаэцначу деношкахь агрономии кафедран заведующица шен хилла къамел. «Хьан дипломни   болх    жимма т1ехь къахьегчахьана, кандшдатски диссертации мехха бу. Хьуна лаахь, кафедрехь ас болх лохур бу хьуна», — элира х1етахь профессора. Ибрах1има цу белхан хьалххе ша а ойла йинера. Цундела, цо билггал жоп делира: «Сох х1ун 1илманча хир ву, Сослан Тотоевич, цхьана а шарахь юьртан бахамехь болх а ца бича? Цкъа суо
хьажжийначу д1аг1ур ву со. Цул т1аьхьа хуур ду-кх, х1ун ойла хьаьвза».
« - Дика хир ду, — реза хилира профессор, — вуьшта, хьайна г1о эшнначу заманчохь, со волчу майрра схьавог1ур ву-кх хьо. Ду¬кха ца хилла тхан хьо санна выпускникаш...»
 « - Баркалла, — тамхилла къежира Ибрах1им, - аш виннарг хилла-кх сох а»...
И дерриге шена оцу миноташкахь дагадеанехь а, вуьшта Лайсега цунах лаьцна х1умма а ца хьахийра к1анта. Хьехо оьшуш а дацара. Хьанна хаьа, йо1ана х1ун дагадог1ур а.
Лайсин дагахь а яра шатайпа, къайлаха ойланаш. Цуьнан 1алашонехь а дацара ша дагалаьцнарг ма-дарра хьаьнгга а д1адовзийтар. Вуьшта, ч1ог1а лаьара шех кхета волу, ша лелориг дош хета волу накъост уллохь хуьлийла. Схьах1уьттучу суьртехь, иштта, йоь1ан даго ма-лоьхху доттаг1а Ибрах1иках хила тарлуш дара. Амма, ма-дарра хиндерг замано бен ца гойту. Иза дика хаьара Лайсина а.
— Да-нана хир дац хьуна са гатдеш? — юха а цхьа ц1еххьана хаьттира Ибрах1има. Иза дара Лайсина уггаре а ца деза хаттар.
— Г1ур ю со кест-кеста сайн ц1еранаш болчу а...
— Гена яха дезий?
— Х1ан-х1а. Вайна юххерачу районе.
Ибрах1им кхийтира Лайсина, х1ундда делахь а, шех а, шен ц1ерачех а лаьцна дийца лууш цахилар. 
— Лайса.
— Х1ун боху ахь?
— Хьуна вайшиъ цхьажимма вовшех тера хетий?
— Муха? — ца кхеташ, цунна т1е буьйг1ира йо1а шен боккха ши б1аьрг.
— Хьо а ю, хьайн ц1ийнах а, бевзачарех а яьлла, схьаеана, цхьа стаг. Со а ву иштта...
         -Т1аккха?
— Т1аккха, вовшийн ма-дарра дагара а дуьйцуш, ши доттаг1а хила вайшиъ?
— Вайшиъ-м вуьшта а ду ши доттаг1а. Суна-м хьо, цундела, сайн ваша санна хета. Хеташ ца хилча, йог1ур а яцара хьуна улло а х1оьттина кху бодашлахь...
Ибрах1имна, х1ундда хетийтинехь а, эхь хетийтира цу дешнаша. Цара, оцу дешнаша бехке йира к1ентан коьрте ихна цхьа шатайпа къона ойланаш...
— Схьадийцарехь, сох хьайн верас вина-кх ахь, — велакъежира к1ант.
     - Т1аккха ткъа? — елаелира йо1. — Хьуна моьтту хир дара мотоцикл т1ехь со схьакхетийчахьана хьуо ваьлла.
       - Лайса, — велар д1адаьлла, боккъалла а вистхилира к1ант.
       - Х1ун боху ахь?
       -Ас мел хазахетарца кхочуш дийр ду хаьий хьуна и декхар а?
        Йо1ана хааделира, Ибрах1им шен дагара дийца сихвала воллий. Цундела цо сихха къамел хийцира:
        - Бухайисина йол д1а маца ерзайо вай?
    -Жимма т1едо-о ю иза. Цхьана шина дийнахь якъаялийта дезар ду. Т1аккха хуур ду-кх, — доккха са даьккхира  к1анта.   Лайса  кхийтира  и  доккхаса  д1аерзо  езачу   элан г1айг1анна даьккхина цахилар...




Ибрах1има ор чохь шен йозанан болх бора…


       Т1ом. Идеологически, адамийн кхетамца а, синошца а бен т1ом. Цхьана аг1ор – ахчанаш. Инзаре даккхай ахчанаш. Вукха аг1ор – эхь-ийман. Цу т1амехь тахна кху доллучу а дуненчохь, ала мегар долуш, ахча ду толам боккхуш. Ишттачу  муьрехь деха вай. Цуьнах вай кхетар – угаре а коьртанаг. Ахчано ца оьцу адамийн кортош д1а. Цу ахчанах бохкабеллачара оьцу. Шаьш бохкабелла ма ца олу 1илманчаш ду шаьш бохучара, яздархой ду шаьш бохучара, динан дай ду шаьш бохучара, къоман дай ду шаьш бохучара.  Цара шаьш, массерал а ч1ог1а къоман дукьхьа къахьоьгуш ду, боху.  Х1ун ду и телевидени а, газеташ а вайн вешан къоман г1ирсаш хилча, царна чу хуьйшуш берш бохкабелла нах хилча? Схьагойту батош нохчийн ю, буьйцу мотт а нохчийниг бу, амма идеологи – Йилбазниг, къоман ойла 1ехош ерг! Герггара х1уманаш дуьйцу, хаза х1уманаш дуьйцу, массарна а тохара хуурш карладоху, амма коьртаниг ца дуьйцу: муьлуш ду вай, мичара схьабог1у вайн орам, муха дуьхьала ян еза Йилбазана ваьш цуьнга дакъаза ца дахийта?

       Угаре а хала т1ом – стага ша-шеца бен т1ом: шен сакхташца, шен ледарлонашца, шен хьарам лаамашца. Гутара а ца боккху стага цу т1амехь толам. Ма мерза ойланаш туьйсу дагчу Йилбаза. Ма хаза, ойланаш 1ехош ю кху дуьненан цхьайолу амалш. «Ваьхна а х1ун до, лаамашна хецна парг1ато ца елча»,- олий дагчу тосу Йилбазо. Амма Йилбазан «букъ кагло» къонахчунна т1енисделча. Къонахий бу, хилла а бу адамашна юьккъехь. Уьш г1арабийла ца г1ерта. Цара шайна рекламаш а ца йо. Шайгахь доцург ду моттийта а ца г1ерта.  Уьш динца суьпабовла а ца г1ерта. Амма царна хаьа, шаьш мел боккху ког а, мел олу дош а, мел ден г1уллакх а Далла гуш дуй. Цуьнах тоам бо цара. Цундела Дала царна синпарг1ато, ирс ло. Цу тайпачу наха латтош ю вайн тийна ярташ, вайн хаза г1аланаш, берриге мохк а, дерриге дуьне а. Ас буьйцурш цхьа нохчий бац, дерриге а дуьненчуьра халкъ ду.
        Стага ша-шеца бен т1ом иза велча бен чекхболуш бац. Цкъан а аттача болуш а бац. Стаг вичахьанна велла д1аваллалц ша-шеца т1ом беш ву. Цу т1амехь вахчалуш ву. Стеган мах – цу т1амехь цо баьхна толамаш. Цуьнгара нахана даьлла беркат, цо нахана дина г1уллакхаш. Вай-м стеган мах цуьнан лекхачу ц1енойх, езачу машенех, лакхарчу даржех хадабо. И дерриге а цо лачкъайна, харцонаш, ямартлонаш лелайна гулдина делахь а. Мел доккха сакхат ду иза! Ма к1езаг ойла йо вай цуьнан!
 
      (…) Мича дуьненахь деха вай? Муьлуш бу вайн доттаг1ий, мостаг1ий? Х1унда лоцу вай х1оразза а харцоно, гуро дахка сана? Мила, я муьлуш бу цунна бехке?

       Къилбаседехь Россин пачхьалкхе кхоллаелча, иза ч1аг1елча, лаг1ъелира аренгара Кавказана т1елета кочевникин (ц1армат нехан) ардангаш. Цуьнан мах хадо хьекъал а, 1илма а ца тоьара вайн къоман, гуьржийн, я х1ирийн сана. Вайн дайшна, х1етта исламе бирзанчу, оьрсий керстанаш хилар бен ца гора, дукхахболчарна. Амма къоман баьччанаш 1овдал бацара. Уьш къинхетаме а, собарца а бара, царна шайн къам 1алашда леара. Цареха вара Ушурма (шайх Мансур), т1аьхьо – Таймин Бийболат. Цаьршиммо къахьийгира Россин паччахьца машаре барт бан г1ерташ, амма Россин инарлаша церан пусар ца дира. Х1унда ца дира? Х1ун Йилбаз дуьйлира юьккъе? Цуьнан таллам ца бина вай х1инца а. Цхьаммо а. Цхьаний 1илманчо а. Ткъа иза мел мехала ду! Мел баланаш юхатоьхна хир бара, цуьнан маь1нех вай духе кхиъна хиллехь! Х1инцалерат1ом а хир бацара. Вайга и т1ом байта г1ерташ, хьалхабевлла лелачу жуьгташа лелораг х1у ду а хуур дара. Церан ахчанех 1еха ца дала а мегара.

       Росси империн ши корта… Ма бале баьлла вайна и ши корта! Цхьа корта – великодержавни шовинизм. Важ корта – жуьгтийн талмудизм.

       Бала базлур бацара вайна лела хиъча. Лела хаа 1илма, хьекъал деза. 1илма а, хьекъал а ца хилча, цхьана шен махкара веддачу суьлечо, я цуьнан т1аьхьенаха волчо дакъаза доху. Дакъаза девллачул т1аьхьа бен ца кхета, Йилбазан лай мила хилла, эвлаяъ мила хилла. Амма эвлаяаш а бицбо, цхьа кхин соьле, жуьгте, я лай ма ваьллинехьа. Царех керла, Дала т1ера баьхкина имамаш бо, царна дийнахь масозза ламазаш до хууш ца хилча а. Царна улло «динан дай» х1уьтту. Х1ора 1едална а керла-керланаш. Уьш-м кичча бу, шортта бу, сом луш стаг ваьлчахьанна. Ма дукха хиллакха вайн и динан дай, буй а ца хууш. Советан заманчохь мича 1уьргашчохь левчкъана 1аш хиллатехь уьш, х1инца жуьгташа кху чу хьовсийначарна улло лелха? Ма бале евллакха и бакхий нах ду шаьш боху тентигаш. Ма ц1еххьаршха майралла йоьссина цаьрга. Ма халчахь хилла уьш, коммунистех кхоьруш. И коммунисташ-м шаьш а ма бара ламазца а, мархийца а. Цхьангга а ма ца бохура цара дин ма леладе, Москвана гергахь кехаташца цхьацца бахьанаш лелош хиллехь а.

        Россин политикан (хууш, я ца хууш) г1ончий хилла лелла бу  гуттара а суьлий. Царна т1ом а, беш хилча,  шайн махкахь бан ца лиира. Цара т1ом Нохчийчу беара. Т1аьхьо г1аттамаш беш болу нохчий оьрсийн эпсаршна улло хьекхалучу суьлаша ирахъихка билайра. Мотт биттина, Кунта – Хьаьжа дакъаза ваьккхинарг суьлишха схьаваьлла вара. Ирах улучу 1аьлбаг-Хьажина к1елхьара г1ант суьлечо бен ца даьккхира…
      
       Нохчийн бехк бу, я нохчийн дакъазалла ю? Х1ун башхаллаш ю царна юьккъехь? Къам декъаза хилар – къоман паьччахьийн бехк бу. Шайна баьчча къасто, цуьнах шайна тешаме, беркате куьйгалхо кхио ца хаар  – къоман бехк бу. Цхьа а вог1ар вац арара вай д1анисда, вайна ваьшна д1анисдала ца хаахь, дуьйлачу сакхтийн мах хадо хьекъал а, доьналла а долуш, уьш кхи ца дилайта. Х1ун жам1аш дина вай х1инццалц ваьшна хиллачух? Х1уда ца хеа вайна, ваьш дезаш а, вайх къахеташ а аддам а воций, вайна ваьшна лардала ца хеъчи? Хьан ца дуьту вай и жам1аш дан, нагахь кхерахь къайлаха яздина а, т1екхуьучарна довзийта?

       Т1ом… Т1амах кхийринарг т1амаха ца ваьлла. Т1ом гуттапра а, массанхьа а бу. Хьекъал долчо т1ом шена оьшучу хорша берзабо. Т1аккха иза юьстаха буьссу, 1овдалчун коча боьду. Вайна халахетар ду, вай 1овдал ду аьлча. Амма х1унда хьошу вай гуттара а т1емаша? Т1емашна гуттара а юьстаха х1унда буьссу вайн лулахой? Ойла ян х1ума дац иза?
       Т1ом хир бац иза бан сак1амделла нах боцчахь. Муьлуш бу т1ом бан сак1амлуш берш? Цу т1амах пайдаэца луурш. Царна карабо 1ехаба нах. Муьлуш бу цаьрга атта 1ехалуш берш? Уьш бу бан болх а боцуш, шайн доьзалаш кхаба рицкъа а доцуш, юькъаралло юьстаха кхийссина нах. Уьш д1анисба, 1алашба, церах машаре нах бад декхараллехь дерг – 1едал ду, власть, оьрсийн маттахь аьлча. 1едало шен къоман терго ца йича, церах х1уъа хилча а бала а ца кхаьчча, г1отту Адам и 1едал карчо, хийца. Цу г1аттамах пайдаэца 1алашо лоцу кхечу, арахьарчу ницкъаша. Т1аккха г1аттамах боккха т1ом хуьлу, г1аттам бинарш дакъаза а бовлуш, царех тешнарш дохко а бовлуш. Цу балхо толадо, там бо Йилбазна. Иштта хьал х1утту х1оразза а.

 
1уьйранна, са тасале хьалаиккхина, шен мотоцикл а латийна,  Жихала охьахьаьдира Ибрах1им. Тахана, оршотдийнан 1уьйранна, массо а говзанча а, бригадир а схьагулвина, йоккха наряд хуьлу де дара. «Тахана-м юьхьк1айча вара со, мичча наряде а, заседани а ваха а, — ойла йора бригадира, — х1инццалц Хойбахахь ца хиллачу кепара элан хола д1ах1оттийна ас цигахь. Ша селхана цецваьлла моттийтинехь а, и г1уллакх хаза ца хеташ-м 1ийна хир вац Къосум Наибович а».
Шен хеннахь чукхечира Ибрах1им нарядана гулбеллачарна т1е, председателан кабинета чу. Къосум Наибович тахана, х1ундда велахь а, х1инццалцчул оьг1азе вара.
Карарчу к1иранчохь дан дагалаьцнарш дуьйцуш, коьрта говзанчаш а, яккхийчу бригадийн куьйгалхой а бевлча, раг1 Ибрах1имна т1екхечира. Хьала а айвелла, дош аьлла валале, цхьа вон, юьхьаза т1ечевхира цунна председатель:
— И х1ун ду, к1ант, ахь Хойбахахь лелийнарг? Хьаьнга хаьттина талхийна ахь т1е тракторрий, косилкий хьийзийна цигара ца¬наш? Хьо х1ун аьлла вахийтина вара цига?!
  Ибрах1им, ша х1ун эр ца хууш, воьхна висира. Цунна дагахь а дацара, цу кепара председатель шена т1ечийхар ву бохург, ша х1уъа дича а. Ткъа х1инца, динарг мелхо а диканиг доллушехь, иза ша чийхо воларх дукха ч1ог1а цецваьллера к1ант. Юьхь т1е ц1ий хьаьдира.
        - Хьайна луъ-луъург леладе аьлла-м ца вахийтина хьо цига? Хьаьнга хаьттина йохийна ахь цигара цанаш? — Бер санна чийхавора председатела к1ант.
         - Йоха ца йина, яйа а ца яйина! Ткъа тонн гергга хинйолу, дог1анан т1адам а кхетаза, сийначу ламанан элах боккха такхор бина-кх. Кхин оццул шиъ балла йол литтанашкахь а ю. Вон ду иза т1аккха? Со-м ма ца кхета ахь дуьйцучух…
   -  Кхетар вац хьо! Хьалхе ду хьуна, схьагарехь, наха лелочух кхета. Цундела хиллерий хьо-м дагавала везаш. Цигарчу нахе 1ай шайн бежнашна х1ун яаяйта воллу хьо? Цуьнан ойла йиний ахь? Вайн 1едало а, партис а шен майски Пленумехь бина сацамаш, хьалхах1оттийна Кхачанан Программа ца 1амийна ахь? Хойбахахь дац адамаш, церан б1аьра муха хьежа дагахь ву хьо? — чуьраваьллера председатель. Ибрах1им, юьхьанца, ша х1ун ала деза ца хууш, г1еххьа воьхна висира. «Ванах, боккъалла а цхьа г1алатло яьлла-техь соьгара?» — аьлла хийтира. Чохь болчу нахана хьалха а шена т1е цхьа йоккха юьхь1аьржо еана моттаделлера.
— Нахана хьекха а ма ю цигахь шорта меттигаш, долахь жа долчаьрга цанаш ца талхаяйтичхьана! Со а ма вац айса лелориг х1ун ду ца хууш! — дуьхьало ян г1оьртира Ибрах1им, амма предсе¬датела дош ала ца вуьтура.
— Хала, хьаха, дацара, шу шайга аьл-аьлларг а деш, 1аш делахьара, шайн доцчу г1уллакхана юкъа а ца г1ерташ. Цкъа х1инца-м айхьа динарг дина ваьлла хьо, кхул т1аьхьа соьгара бакъо а йоцуш, ишттаниг хьайгара далахь, хаалахь, айхьа кху колхозехь йоккха хан йоккхур цахилар! Дика ца волавелла хьо, волалушше-хьа! Охьахаа х1инца! — т1ечевхира председатель.
Ибрах1им чохьболчаьрга д1асахьаьжира. Дукхахболчара кортош охкийнера, шайна Ибрах1имера даьллачунна боккъалла а ч1ог1а эхьхеташ санна. Ура-аттал, председателан стоьлана уллохь хиъна 1ан парткомдн секретарь Султан Телипович а 1ара вист а ца хуьлуш, корта а оллийна. Мацца а цо элира:
— Такхор барха-м башха довдан а ца дезара цунна. Вуышта, нахаца девнаш дахар дика дац, д1авахана а валале.
Цо дуьйцург тергал а ца деш, кхин къамел долийра председа¬тела.
«Х1ан-х1а. Кху т1ехь х1ара къамел иштта хадийта мегар дац. Наряд чекхъяьлча, Къосумца  шецца дуьйцур ас», — ойла йира дог-ойла йоьхначу Ибрах1има.
— Къосум Наибович, суо волчахь сайн ма-хуьллу колхозана пайда бан г1орта декхаре вац со? — хаьттира цо чохь берш берриге а ара а бовлийтина.
— Вац, нагахь ахь бен «пайда» нехан дог доккхуш белахь, — х1инца жимма к1адвеллера председатель. — Ца го хьуна де-дийне мел дели нах дГаоьхуш, жимлуш йоллу Хойбаха? Даьхний лелон мукъане а аьтту церан ца бича, 1енне а 1ийр ма бац цигахь нах. Цуьнан ойла йиний ахь ян а? Хьастаха-м ма вара хьо ч1ог1а чуг1ерташ, нехан г1айг1а ю хьайна бохуш...
— Йина. Нах цигара д1а х1унда оьху а хаьа. Боллучу вайн махкахь а йолу электричество яц х1инца а Хойбахахь, цхьа дизелан т1уьйлиг йоцург. Нахана иттех туьма мукъане а баттахь а кхочуш, болх бан меттиг яц. Мегарг некъаш дац. Цундела оьху цига¬ра нах д1а. Ткъа ас цанаш схьаяьхнарг ши-кхо бахам бен бац. Массо нахана а цхьатерра ян еза г1оленаш, шина-кхаа доьзална а ца еш! И ши—кхо да ву цигахь кулакаш санна, масех б1е уьстаг1а а, бежнаш а шайн долахь а долуш 1аш. Оццул даьхний дерш ца хилла мацах кулакаш а бина, Сибрех бахийтинарш а! Со а вац ца кхеташ, бехк а боцуш нахах тийсавала. Цулла а, вай Хойбахахь бежнийн, я жен ферма йилла еза, картолаш ен еза, кхийолу культура цигахь муьлха дика кхуьур яра техь хьовса деза...
— Стоп-стоп-стоп! — куьг айдира председатела. — Со дицделла ма вац хьастаха ахь мел дийцинарш а. Иза теори ю, дукхавахарг! Ахь дуьйцург айхьа книжкаш т1ехь дешнарш ду. Ткъа кхузахь дерг - дахар ду, нехан амалшца, шен кхолладелла девллачу г1иллакхашца. Иштта, хьуна ма-моьтту, атта дац оцу книжкаш т1ехь дерг кхочушда. Аванес Петросовича хьайга дийцинарг диц-делла хьуна? Вай цигахь пхи-ялх картол д1айийний хиъча, вайна хасстоьмашна план лур юй ца хаьа хьуна? Сих ма ло. «Сиха дахана хи х1урдах ца кхетта» олуш ду вайн дайн кица. Ойла ел ахь оцу кицанан! Дера ду иза доккха маь1на долуш кица, — к1адделлера председателан аз. Х1инца цо ша хьоьстуш санна хетара бригадирана. Нахана юкъахь чийха а вина, х1инца хьестар муххале а ца дезаделлера Ибрах1имна.
— 1уьллуш болчу т1улга к1ел хи ца кхочу олуш а ду оьрсийн цхьа кица. Иза а дац х1умма а 1овдал кица, — къежна-а, элира Ибрах1има. Председатель цкъа леррина схьахьаьжира. Дуьхьал ала х1ума ца карийра.
— Х1ан, дитал х1инца кицанаш. Ас аьл-аьлларг де ахь. Вон хир дац хьан г1уллакх т1аккха. Хьо гуттар а бригадир хилла лела дагахь хир ма вац. Хьо кхеташ к1ант ву, амма сиха ву. Цундела хьайл баккхийчара бохург де. Тхо а ма дац дукха 1овдал а, инсти-туташ яьхна г1еххьа хан яьллехь а. Валол, бухгалтере чувола алал. Сихха цуьнан кехаташ т1е мух1ар а тоьхна, г1ала, министер¬стве охьа ваха дезаш ву со...
Ибрах1им аравелира.
Председательца т1аьхьа динчу къамело а ца даьстира даьтт1а дог. «Атта хир дара цуьнца дийца, нагахь и хьалха санна т1ечийхинехь. Хьесталора. Т1аккха х1ун дуьйцур дара цуьнца? Хаа ма хаьа цунна, ша харц вуй! Ткъа цу шина-кхаа кулакехьа г1о стен-на доху?
Юьртахь-м йоккха г1овг1а хилла д1адаьржинера Къосумний, Ибрах1иманний конторехь дов даьлла, бохуш.

 


       Башха самукъадаьлла вацара Ибрах1им шен да-нана долчу воьдуш а. Да, 1абдурахьман, школе  балха вахана ц1ахь ца карийра. Нанна, Сепетна,  к1ант ц1а веана хаза хеттера. Эхь хеташ, йовлакхан т1ам хьоькхуш, б1аьргех девлла хиш д1адохура цо.
     Ибрах1им уггаре а жимха верг вара доьзалехь. Йоккхаха йолу ши йо1 марехь яра.
     Ибрах1им шеца вуьссур ву моьттуш 1ийнера нана гуттар.  Х1инца х1ара а гена ваьлла хетара, цхьана колхозехь шаьш доллушехь.
Ши-кхо сахьт даьккхира Ибрах1има ненаца. Жижиг кхаьрзина, 1ежаш, кхораш деана, шен бан болу там бан г1ерташ хьаьвзира нана. Н1аьна а лаьцна, цунна урс хьакхийта яханера, к1ант буьйса йоккхуш 1ере сатуьйсуш. Важа-м д1аваха сихвелира, юха к1ирандийнахь охьавог1ур ву ша аьлла, ч1аг1о а йина.  Нана реза яцара к1ант кхоьлина хиларна. Даго хьоьхура цунна цхьа сингаттам баьлла хилар.
Ибрах1им кех араволуш, дуьхьал1оттавелира чувог1у 1абдурахьман.
— Хьо ц1а вог1у, Дада?  Со-м хьо волчу балха т1е ван а ларор вац-кх х1инца, аьлла, д1авоьдуш вара, к1ирандийнахь юхавог1ур-кх аьлла. Муха воллу хьо? Могашалла муха ю?
— Дика ю могашалла. Собардел  цкъа, хьуо сиха велахь а.
Ибрах1им кхийтира, 1уьйранна конторехь хилларг кхунах цхьамма д1атоьхний.
Чу ца воьдуш, г1ант ара а даккхийтина, кертарчу кхура к1ел охьахиира 1абдурахьман.   
— И х1ун ду, к1ант, суна хезнарг? — хаьттира дас, схьабаьккхина, шен чола куй, гоьл т1е баьккхинчу коган гола т1е охьа а буьллуш. Цхьана хенахь колхозан ревизионни комиссии председатель лелла вара иза. Цундела   колхозехь бечу балхах дика кхеташ вара.
— Х1ун хезна хьуна, Дада? — велакъежира Ибрах1им цо ден долу къамел шена шерра девза аьлла хеташ.
— Ахь хойбахара нах г1уллакх доцуш  хьийзабо бохуш ма хезна суна. Уьш вайн председателан ненахой буй ца хаьа хьуна?
Цу минотехь Ибрах1им доллачух а кхийтира. Х1инцца дастаделира цуьнан дог. Серлаелира ойла.
— Ахь боккъалла а бохий? — доггах велакъежира Ибрах1им.
— Дера боху! Хьо вела стенна къежа-м ца хаьа суна! — дай-й куьг хьаькхна, шен ши мекх тодира дас.
— Дера воьлу, суна х1инца Къосума сайца лелориг х1ун ду хиъна дела! Со ч1ог1а цецваьлла ма вара, цо сайца лелориг х1ун ду ца хууш!
      —Х1умма а, хьаха, хир дацара хьо х1окху меттехь долчу тхох дагаволуш велахьара. Хьуна хьуо нехан наха нийсачу новкъа х1оттор ву моьтту? Ахь хьалххе соьга  хаьттина хиллехьара, аса нийса дерриг хьоьхур ма дара хьуна, — шен хьесап дира  дас к1ентдн цецваларх. — Делахь а, т1аьхьа дац х1инца а. Хаза цу нахаца берта а г1ой, Къосумна а хьайна и дерриге а ма-дарра ца хаьара а алий, х1ума де. Юхашкахула ишттачух лар а луо. Х1инццехь на¬хаца тарлуш вац аьлла ц1е йодахь, т1аьхьа хала хир ду хьуна. —
 жима ладоьг1на–а сецира 1абдурахьман. – Вай кху 1едало мел дакъазадаьхна лелла ду, и ма дицде ца боху ас хьоьга гуттара а? 1овдала дерш ма леладе. Ларвала хаа. Тоьар ду. Дукха дакъазабевлла лелла вайн дай. Шайн ц1ахь велла д1авоьллина вац наггахь верг бен  вац.
— Дера, Дада, товр-м вара хьуна со х1инца, и дерриге а ма-дарра хиъначул т1аьхьа, царна къурд ала воьдуш, — эккхийтира к1анта.
— Вуй! И бохург х1ун ду? Кдид1а а къийсавала дагахь-м вац хьо цаьрца? — цецвелира 1абдураъхьман.
— Къийсалур вац, уьш шаьш харцлоьй а хиъна, 1адда 1ахь, со сайн болх бан а вуьтуш. Ца витахь-м, 1ийр вац, Дада, х1инца-м, муххале а! Суна Къосум боккъалла а хойбахойх къа хеташ лела моьттура, ткъа иза шен гергарчаьргахьа уьйзуш хилла. Ас муха могуьйтур ду ишттаниг? Къосумна луъ-луъург деш лела деза сан, и мел харц велахь а? Иштта, харцлуьйчарна хьеста а луш даа деза ас х1инцадоьнна х1ара дуьне? Стеган цкъа ша схьалаьцнарг д1акхехьа дезаш ма хуьлу гуттара а.
— Э-э, хьо ваха дукха, — ца вешаш, къежна, бат аг1ор яьккхи-ра дас, юха а шен мекхех дай-й куьг а хьокхуш. — Ца лелахь, дера ву хьо йоккха юкъ ялале хьайн ц1а вог1ур. Дера бу хьуна т1аккха цу хьан дипломо а к1езиго-о пайда бийр, бу къур1анор! Председатала хьоьга бохуш кхин х1умма а ма дац. Цо хьоьга шена ч1ог1а бехке болу шен ненахой 1адда бита боху, церан коча а ца лелхаш. Хьо Къосуман бригадир хилча, наха цунна ма-буьллу бехк, ахь х1уъа а лелийча а. Вайнехан кица ца хаьа хьуна, шен ненахой ца лерина стаг вац бохуш? Цо хьайга хьайна луъ-луъург леладойтур доций ца хаьа хьуна? Иза-м, т1ехьаьжина иштта к1еда а, эсал стаг хиларх, районехь а, министерствехь а шен онддий уьйраш а йолуш, кхеташ куьйгалхо вай. Цул сов, цуьнан шорта таро а ю т1едеана вон а, дика а д1адерзо! Хьо х1ун ю цунна хьалха? Бера т1орза ю-кх! Сан хьехар ду хьуна: х1ара г1уллакх кхин гена далале, и хьайн 1овдал амал юхаяккха. Т1аьхьа дохко вер ву хьо. Ас ца элира олийла дац хьан.
Ибрах1им дуьхьал дош ца олуш лаьттара. Эххар а, 1а а ца велла, элира:
— Дада, со х1инца юхаваьлча, гуттар а юхавийла дезар дац сан?
— Дезар ду! Дера дезар ду! — меттахвелнра 1абдурахьман. — Стаг гуттар а нисса д1аг1ерта веза моьтту хьуна, хьера вир санна? Наггахь юхавала дезаш меттигаш а нисло. Дуккха а 1итталур ю хьуна и меттигаш.  Ша тоьлур вац аьлла хетачохь, юхавалар а эхье дац. И нийсса д1аг1ертар ма дара вайн дайх даханарг а. Жима йилбазалла ца хилча ца вахало кху дуьненчохь.
1абдурахьман жимма соцунг1а хилира, Ибрах1имна т1е шен боккха, боьмаша ши б1аьрг а боьг1на. Т1аккха, ша аьлларг т1еч1аг1деш, масал далон вуьйлира
— Ойла ел ахь, хьо цхьана лекхачу лома буьххье вала везаш ву. Нисса хьлаг1оьртича, дуьхьал к1орга хершнаш ду, даккхий т1улгаш ду, к1охцалийн къух ду. Доцца аьлча, хьо цкъа а валалур вац цу лам т1е. Цундела хьо хьайна атта долччухула хьалавоьду, хершнашший, таьрхащший, к1охцалшший долчуьра вуха а волуш. Иштта ма хуьлу дахарехь а. Х1уъа дина а, мухха ваьлла а, хьалавала г1орта веза. Амма, шайца къийсалуш хилча хьаькамаша хьалаволуьйтур вац хьо. Мелхо а, бех а вина, юьстахкхуссур ву, цхьаний х1уманна т1е вилла ца мегачу а ваьккхина.
— Со-м вац, Дада, цхьанххьа а хьалавала г1ерташ. Вуьшта, суо волчахь нахана осал-м хоьтуьйтур вац ас...
— Г1ерта! Г1ерта!!! — доггаха т1ечевхира да. — Хьо х1унда ца г1ерта хьалавала, ахьчул ца дешнарш а хьалабовла г1ерташ хилча? Хьо масийтта шарахь дешна ву, эскарехь хилла ву, партехь ву, хьо санна хьаькам хила хьакъ волуш мила ву кху вайн чухула? Нахал оьшуш, я нахал беркъа, 1овдал-м вац хьо? Лай ву, тайпа ц1ена дац? Хьо стенна г1ерта к1егар? Тоьар дац кху наха а, 1едало а х1инццалц, тахханалц вайн хьийзор? Хьаькам хила веза. Хьалавала веза, кегамерса х1уманаш, х1ара дуьне кхоьлличахьанна а хила х1уманаш 1адда а дитина. Вайга нислур бац берриге а нах, дерриге а дуьне! Хьайна некъ баккха, хьуо къона волчаранне. Х1инцца хьо ца ларайнарг дуьссур ду дерриге а!
— Вуй, Дада, хьуо вацара хьо соьга нисса д1а а ца г1ерташ, юха волуш хила баьхнарг? —   хаьттира Ибрах1има, дуьйцуш лаьтташехь, дена юккъе а иккхина.
— Вац! Вац!!! Ас хьоьга бохург, хьуо тоьла воцче ма г1ерта бохург ду, балха т1ехь хьалавала ма г1ерта бохург дац! Нисса д1ачуг1ертарх хуьлуш вац вайн заманчохь хьаькам. Жимма шайт1аналла а, йилбазалла а хила деза; я шортта ахча, я г1уллакхехь гергара нах хила беза. Иза ца хаъал, хьуо жима а вацара хьо.
Хетарехь, йоккха юкъ ца йисинера мархаша ерриге а стигал д1акъовла. Ибрах1иман сагатделира: «Ма дош дац, нагахь тахана дог1а даг1ахь! Лахьоза йисина йол яшор ю-кх оцу дог1ано». Ден хьехамаш-м кхачо бохкучух тера дацара.
— Хаза дера ду, балха т1ехь лакхавала ца лаьа бохург! Ца лууш хилча, оццул ч1ог1а доьшуш къа стенна хьоьгура ахь? Бри¬гадир хила г1ерташ хьоьгура? Ас ревизионни комиссии председателан болх бина хьуна нисса шийтта шарахь! Ахь санна институт яьккхина хиллехь-м сох райкоман секретарь хилла хир вара! Вара, дер! Оццул ч1ог1а деша стенна г1ерта, нахана бан вон болх а, дика болх а болуш, кара х1ума а йог1уш, наха лара а лоруш, къонаха хила дагахь ца хилча? Цул-м, эццига Казахстане договрца балха а оьхуш, шортта шайкай а яхьаш 1ар тоьла, х1инца ахь лелориг лелочул-м, тоьла дер!
Чу йолуш, ара йолуш, сагатдеш хьийзара  Сепет а,  дас к1антана дов х1унда до ца хууш. Улло а еана, ладуьйг1уш 1ан ца х1уттура. Ибрах1им а хала 1ара, уллора д1а а ваьлла, д1аваха йиш йоцуш. Ша сиха хилар д1ахаийта а бакъахьа ца хетара.
Мох мелла а лаг1белира. Стиглахула мархаш яьржинехь а, хетарехь, дог1а ца дог1уш саца герга дара. Делахь а, тешам бацара. Шен к1ентан дагара хууш санна, уча яьллачу нанас схьа мохь туьйхира:
— Ибрах1им, хьо хьелой-техь? Гена ваха ма деза хьан. Дог1а даг1ахь, х1ун дер те ахь?
— Даг1ахь — дог1ур-кх дог1а а. Хьо 1адда 1ел хьо, юккъе а ца лелхаш! — оьг1азе д1акхайкхира х1усамда. Сепет, бехкала яхана, юха а чуяхара.
       1абдурахьман х1инца боккъала а оьг1азвоьдуш лаьттара. Г1антара хьала а  г1аьттина,  чуваха дагахь, цкъа д1аволавелира иза. Т1аккха а, юхавирзина, шена т1аьхьах1оьттина вог1учу Ибрах1имна оьг1азен б1аьргаш къарзийра цо:
— Дан-м хьайна луъург де, к1ант, схьагарехь, хьо вайн белларш санна,   наха лелориг х1ун ду ца хууш, велла д1авер волуш ву. Вуьшта, цхьа х1ума-м хуур ду хьуна, дукха хан ялале: х1уъа дина а хьо хьалавала г1ортахь, наха лорур а ву хьо, сий а дийр ду хьан. Амма хьо кхин лакхавала а ца г1ерташ, хьаькамашца а къийссалуш д1аводахь, тишбеллачу куйнан боллу мах а боцуш, цхьана а дас тергал а ца веш, лара а ца лоруш, хьуо волчарна а сов а ваьлла, лелар ву хьо, эцца ши ког а текхош. Цул, ас хьайна луш долу хьекъал д1алаца. Ца лацахь, дохко вер ву хьо. Наха шайн дика дийр дац хьуна, нагахь шаьш хьан дикане сатуьисуш бацахь, я хьан вонах кхоьруш бацахь. И сан дешнаш дика д1алацалахь. Сан б1аьрг боккхур ахь, иза хьайна нийса ца карадахь. Боккхур дер!..
— Хаьа суна, Дада, ахь сайна вониг хьоьхур доций, - ден ч1аг1делла дог даста г1ертара к1ант, -  суна дика болх хилча хьуна хаза хетар дуй а хаьа суна. Вуьшта, харцо ловр яц ас. Сан бакъо а ма яц, иза лан. Колхоз а Къосуман долахь яц. Иза халкъан юкъара бахам бу... Со цхьаннах а ийзалур вац, суо нийса хилча. Ткъа нийсо вайн махкахь чекх ца яла йиш яц. Хьуна иза суначул а дика хаьа.
 Ахьа соьга бе боху некъ уггаре а атта некъ бу, Дада. Ахьа ма-аллара со лелча, г1еххьа хьаькамалла дала а мега соьга председатела, нагахь со шен зурманца хелхавийлахь. Ваха атта хила а мега, халонашна гуо тийсича. Делахь а, Дада, и некъ сан амалца бог1уш бац, — велакъежира Ибрах1им.
1абдурахьман  дуьхьал вист ца хуьлура. Кебертехь цкъа саца а сецна, юха а д1аволавелира иза.
— Дада, — вела а велла т1аьхьакхайкхира Ибрах1им, — ахь айхьа а лорур ма вац со Къосума та1-та11ийначу а таь1аш, цо мел лелон нийсадоцурш а ловш, 1адда 1ийча! Со-м хьуна ма-моьтту к1еда а, г1ийла а, 1овдал а ца хила а мегий!
— Хаац, — реза воцуш схьакхайкхира 1абдурахьман. — Замано гойтур ду-кх, ахь дагалаьцнарг х1ун ду а. Вуьшта, х1ара дуьне кхоьлличхьана а, шен хьаькамашца къийсавелла стаг гена ца воьдий-м хаьа суна! Хаьа, дер! Ишттанаш дакъаза бовлий а ма хеа. Хало, баланаш ца гина хьуна. Цундела ду и хьан дог иштта сонта, кура.
        - Къуддузал лакхара а бай хьаькамаш-м, — эккайтира   Ибрах1има.
        - Цул лакхарнаш цул а далатоьхна карор бу хьуна, - жоп делира дас.- Х1ара-м лакхахь дуьйнна духуш дай гуттара а. Нахе хоьттуш х1умма а ма дац цкъан а, цхьаний заманчохь а.

 
Суьйранна жа т1е а гулдина, сада1а 1уй чу гулбеллачу хенахь д1акхечира Ибрах1им.
— Схьавоьллахь! Марша а вог1ийла хьо! Охьалахлол х1оккхуза, — г1ант диллира бригадирана царех цхьамма.
— Со-м вогг1ушехь шу долчу ван декхарийлахь ма вара. Де¬лахь а, докъаран г1уллакхаш хьалха а девлла, висир-кх. Конторехь болчара охьакхайкхина а дайи цхьа де-буьйса, — бехказавуьйлура к1ант.
— Х1умма а дацара тхо долчу цаварах-м, тхо-м тхаьш а, цхьацца лол бетташ, дохкура, — элира уггаре а воккхаха волчу 1уно Дикис.
— Делахь а, вог1уш, наггахь гучуволуш товш ду. Ван веза йиш хилла-хиллачуха, — вист хилира  шовзткъе итт шо хин долу, зоьртталчу дег1ахь волу кхин цхьа накъост.
— Х1ара Мутуш ву. Вуьйцуш хезний хьуна? — хаьттира Дикис. — Х1ара-м шу долчу аг1онгахьара вай.
— Аьшпаш ца боьттича, ца хезна.
— Хезар-м ву хьуна, ца хезнехь а, — велакъежира Дики.

— Ву боху ахь? — ца кхеташ, хаьттира Ибрах1има.
— Дера ву. Курорте ваханчохь кхуо лелийнарш ца хезна хьуна?
— Ца хезна. Са-м даь1на хила декхар ду кхуо цигахь...
— Даь1на. Аьтту баьллачуха, юха г1ур волуш ву х1ара цига, — къежира Дики. Ши 1у а, цаьршинца волу жимо-о ши к1ант а, доггаха бийлабелира.
—   «Цхьаъ лелийна хир ду кху дукъарца курорте ваханчохь», — дагадеана, къежира Ибрах1им а. Т1аккха хаьттира:
— Х1ун лелийна кхо цигахь, лела мукъане а?
— О-о! Иза дийца ехха хан еза! Жижиг ду вайн кхехкаш. Иза даьлчахьана, х1ума а кхаьллина, кхуьнга шега дуьйцуьйтур ду вай иза. Х1инца, меца волуш, дог дог1ур дац кхуьнан...
1уй юха а бийлабелира.
— Парткомера а, профсоюзни организацера а нах кхочий шуна? — хаьттира Ибрах1има.
— Баьхкира уьш а. Концерт а еара. Цкъа-шозза пондар а лекхна, хелха а бевлла, д1абахара, — элира Мутуша.
— Социалистически йохьалла юй аш лелош? Хьаьнца къовса-велла ву шуьшиъ?
— Х1аъ. Ю боху иза а, — шена иза билггала х1ун ю цахаарх, юьхь1аьржа а х1уттуш, корта та1ийра Дикис. Куьйга батош д1а а лоьцуш, воьлура ши к1ант.
— Б1е жийнна т1аьхьара мел-мел 1ахар оьцу аьшшиммо?
— Стохка кхузткъанга хьала ца кхоччуш ийцира. Кхушара жимма алсам эцна, — жоп делира Мутуша.
— Соцобязательство-м девяносто пять яра, — т1етуьйхира ши¬на к1антах цхьамма.
— Даларш хуьлу кхузахь. 1ахарий чулохкучу ферми чуьра уй дахкаделла ши-кхо шо а ду. Тохийта, бахарх, пирсидатала цу чу керла уй а ца тухуьйту. Т1уьначу лаьтта т1ехь цомгуш ма хуьлу кегий 1ахарий.
— Наггахь, июнь баттахь а ло а кхуссий, шеллуш меттиг а ма йог1у кхузахь, — т1етуьйхира Мутуша.
— Маржа я1, жоьлаш мукъане йохийна ма елара, — доккха садаьккхира Дикис.
— Уьш хьан йохийна? — ца кхийтира Ибрах1им.
— Уьш дера йохийра милцой т1аьхьа а х1иттийна, бульдозер а ялош, еанчу вайн райисполкоман пирсидатала.
— Х1унда?
— Мацах, Хуршов волчу заманчохь, к1отарш йохайо, бохуш, лелийра-кх цара и х1уманаш. 1аламат дукха жоьланаш ма яра кху лаьмнашца, вайн дайх йисина. Ткъа а, ткъей итт ког берш а хуьлура. Дера яра уьш андий жоьланаш, х1ара дуьне мел лаьтти, лаьттар йолуш, — г1айг1ане дуьйцура Дикис.
— Муха «когаш»? Стийнан когаш дара уьш? — ца кхетара Ибрах1им.
— Т1улг а буттуш, хьийзош, оьрсаша ма-аллара, арканаш а еш, еш хилла мацах жоьланаш. Т1е латта тосуш хилла. Иштта жоь¬ланаш 1аламат йовха а, унах ц1ена а хуьлуш хилла. Мел шийла 1а дарах, уьстаг1ий а, даьхний а шекдовлуш а ца хилла ишттачу жоьланаш чохь, — дийцира Мутуша.
— Уьш йоха муха елла, ткъа?
— Э-э, гуш хила дезара хьуна, уьш йохош, — лен велира Ди¬ки. — Цхьа беха, б1е метар гергга трос а тосий, и трос д1аозабойтура бульдозере. Жоьла охьахарцайора. Т1аккха, бульдозере муц1ар 1уьттуьйтуш, гунаш латтаца д1анисдойтура.
— Х1етахь ши б1е тонн гергга паччахьалкхана жижиг духкуш план йора кхузарчу юьртасовето. Х1инца халла шовзткъа тон бен ца духку, — билгалдаьккхира Мутуша.
— Х1етахь кхузарчу школехь интернат яра. Шортта бераш а дара цу интернатехь, уллорчу к1отаршкара даьхкина. Х1инца и интернат а оьшуш яц кхузахь. Цигахь 1аш ши-кхо бер бен дац, — вистхилира кхин цхьа къона жа1у.
— Адамаш а д1аоьхуш ду кхузара-м. Ткъех шо далахь, цхьа а вуьсур вац, — г1айг1ане элира Дикис.
— Дера, борз юккъе иккхича, жа санна, цхьацца аг1ор д1аса-м даьржина кхузара адам, — яй юххе а воьдуш, корта ластийра Му¬туша. — Цхьаберш Теркайисте, вуьйш Гуьмсе, дукхахберш Ка¬захстане д1а а ихи. Дера уьш х1инца юхаберзалур ма бац, мел ду¬кха милцой а, бульдозерш а вовшах еттарх...
— Вай иштта, дукха доьхна дийцича-м, кху вайн бригадиран а вада дог дог1ур дай кхузара, — къежира Дики, — вай-м дерриге а иштта вон а даций. Пхи шо ду со пенсехь волу. Х1ора баттахь 1едало схьа а дохьий, пеней ло. Туьканахь схьаэца дама ду, шекар ду. Шортта когаюха мача, к1адий ду. Х1инца дерг-м хала дацара. Кегийчарна хаа-м ца хаьа цу доллучун а хама баи. Дера хир дац х1ара санна 1едал цхьана дуьненчохь!
— Иза бакъ ду. 1едал-м хьаха, ду вайн, халкъан 1едал, — т1етуьйхира Мутуша.
— Дага дог1у суна, — Ибрах1име хьаьжира Дики, — суо жима волуш, эсий дажо лелар. Когара наь1армача йоьхча, п1елгаш ара а довлий, цу чу хьаьжк1ийн луьйдигаш 1уьттуш-м лелара...
— Бакъе а, со-м хатта дицделла 1ара, кога юхучу мачийца а, т1едухучуьнца а, юучуьнца а муха ду шун г1уллакх? Оьшуш х1ум-ма а дуй шуна? Со кестта конторе кхочур волуш ву. Ас председа¬теле эр ду шуна оьшург... — хаьттира бригадира.
— Баркалла. Башха оьшуш х1ума а дац тхуна-м. Тхаьшна хилча, цхьа накъост-м сов вацара тхуна. Къаьсттина, Теркайисте охьа-дахча, хьашт хир ву накъост. Суьйранна чудаьхкича, юург еш йойу хан ч1ог1а новкъа хета тхуна. К1адлой ма хуьлу дог1маш.
— Дика ду. Хьожур ву со. Говрашца волу Дурди а ву шена накъост воьхуш. Кхин х1умма а оьший шуна?
— Х1ан-х1а. Вуьшта, цхьа х1ума-м даийти ахь суна дага, — велакъежира Дики.
— Х1ун ду иза?
— Вайна лулахь дара цхьана шарахь охьарчу нехан жа. Шайн 1ушна, еана, цхьа лапг1а охьа а кхоьссина, д1абаханера церан хьаькамаш. Дагон дечиг а дацара. Юург-мерг а, мот-г1айба а ч1ог1а ледар дара. Цхьацца хьаькамашха стаг вог1ий, хьала а кхочий, «Х1ун хьашт ду шуна, х1ун оьшу?» бохуш, хеттарш а дой, д1абоьлхуш хилла, амма шайга дехнарг деш ца хилла.
Цхьана юккъехь, ло а тосуш, дукха ч1ог1а шелъелла. Милла бега а беш, юург а кхачийна, 1аш хилла жа1уй.
Шен «УАЗ» машен а хаьхкина, веана хьалакхаьчна директор.
«Х1ун хьал ду? Х1ун оьшу шуна, к1ентий, схьадийцал!» — аьл-ла, меттахваьлла директор.
Бегош, моччахалш вовшах ца кхеташ, бист ца хилалуш 1аш хилла жа1уй. Пад а дайна, ца вашарца:
«— Б-б-бал-б-балалайка байша»... — элира боху царех цхьамма.
1уй а, Ирбах1им а бийлабелира.
— Цаьрга ла доьг1ча, тхан г1уллакх-м дика ду, хьуна ма-гар-ра! — юха а яй улло вахара Мутуш. — Х1ан. юьххехилал, вайн юург а схьаяьлла х1инца!
— Мутуш, айхьа курортехь лелийнарг дийца ма дицделахь, вай девлча, — элира Ибрах1има.
— Иза-м кхуо ша г1арадоккхур долуш а ца хиллера, кхуьнца цхьана хиллачу накъоста ца дийцинехьара, — велавелира Дики.
— Ша деш долу х1ума 1аьвшшина, дика деш ву х1ара Мутуш,— дийца волавелира Дики, шаьш х1ума йиъна девлча. — Гина делара хьуна кхо шайн юьртахь дан долийна ц1енош! Иштта хила а веза. Эрна хьеша ца деза дуьне, ша дийна а волуш йоккхучу ханна. Ша дина ц1енош кхуо шеца кешнашка д1ахьур ма дац. Шен доьзалшна дуьтур ду. Ткъа церан, уьш дан г1ерташ къахьоьгучу меттана, схьа а лаьцна, цхьа 1едалан болх д1акхехьа йиш хир ю. Хала, хьаха, дара вайн наха шаьш ян а ца еш, г1ишлош, 1едале «давай нам дом» бохуш делахьара. Цхьаволчунна-м мостаг1а тарло и ц1енош дан г1ерташ волу стаг. Мостаг1а, къур1аннор, ву ц1енош ца деш верг! Шен син а, шен доьзалан а, пачхьалкхан а, делан а мостаг1а! г1ишло ян хала ду, бакъдерг аьлча. И ян ницкъ ца кхочучунна а бехк ца буьллур вай. Вуьшта, кху Мутуша а, х1ара санна болчара а, яккхий, хаза, масех б1е шарахь а лаьттар йолуш, и г1ишлош еш со хазахеташ ву-кх хьуна, сайн и ян карах ца далахь а.
Дики луьйчуьра сецна, г1еххьа хан елира. Т1аккха, юха а вист-хилира иза:
— Х1а-а, бакъе, со-м кхуо курорте ваханчохь лелийна бохург дийца воллурий хьуна. Вайн колхозера экономист Дукхваха а хил¬ ла кхуьнца. Цо вигна а вара х1ара шеца: «Валохьа, цхьане вахана, вог1ур вайшиъ. Ша цхьаъ вахча сингаттаме хуьлу цигахь», баьхна.
Поезд т1ехь д1авоьдуш волуш, цхьана станцехь сецна х1орш. Мутушан б1аьрг ма кхетта цхьана сонехь т1ек1алйоьттина 1охкучу рельсех. Уллохула т1ехволу, цхьа мазотех вуьзна белхало а саций-на, и рельсаш йохка шена, аьлла, ма хьовзийна кхуо. «Д1ахьохьа ерриш а», олий, куьг ластош ма хилла вукхо. «Х1ан-х1а, я честна челвек, цина скажи» — бохуш ма хилла х1окхо. «Какой цина? Кху-захь хьуна буфет а яц, я базар а яц. Хьайга хьала айалахь, ги а йохке, д1ахьохьа!» — олуш хилла вукхо. «Х1ан-х1а, мине дарам не нада!» — олий, хьаьвзаш хилла Мутуш. Эццигехь т1евеана кхаьршинна Дукхваха. «1овдал ма лела, х1ай, ма хьийзаве и къо-наха», ма аьлла Дукхвахас. «Собар дехьа. Йоррах схьаяла мегара цо уьш», бохура боху Мутуша.
     Чохь берш буьйлура. Мутуш ша а 1ара, къежа а къежаш.
— Хьайна йоьхкинехь, схьа муха ян воллура хьо уьш? — хаьттира Ибрах1има.
— Иза-м Дукхвахас а хаьттина кхуьнга. «Эцца, поезд лелочунна цхьа пхи-ялх туьма ма деллинехь, цо ян а еана, Аргуне охьакхуьйсур яра уьш-м», аьлла Мутуша.
Накъостий юха а буьйлура.
— Яхьар а дера яра. Хан хили елара цаьрца барт бан, — ца къарлора Мутуш.
— Доллучул а хаза ду д1акхаьчча кхо лелийнарш. Дийцахьа, Мутуш, х1инца айхьа! — дийхира Дикие.
— Дийцал, Мутуш. Ахь айхьа дуьйцуш хаза хир ду иза, — дий¬хира Ибрах1има а.
— Аьшпаш юьттура Дукхвахас-м. Х1инца массара а шайг-шай-гара т1едетта а долийна, — корта ластийра Мутуша.
— Къур1анор, ца долийна. Ма-дарра дуьйцу-кх Дукхвахас а! Цхьа зуда хилла кхунна т1аьхьаяьлла, — юха дийца волавелира Дики. — Хьо жима велахь а, дуьйцу ас, цхьацца дуьйцуш бен саму-къа ца долу дела. Нисъелла яра боху, дала харцахьа ярг! Виттане а вита а ца витина, хелха ваьккхина ма хилла цо х1ара. Б1ог1ам санна, мара а воьллина, д1ай-схьай техкавора боху. Эххар а, и цхьа йоккха 1аьржа батенк х1окхо оцу зудчун кога т1е а яьккхина, астаг1а а лелхаш, лийли боху важа-м...
— Иза-м бакъ дара, — къежара Мутуш.
— Иаккха, шу лийча дахар дарий бакъ?
— Иза а дара...
— Кхахь-кхахь-кхахь!.. — воьлура Дики а, чохь берш а.
— Шеца лийча вигна хилла йо1а вайн к1ант. Дерриге адам а ах дерззина а даьлла, малхехь 1уьллуш ма хилла, т1ек1ал а даьлла. Мутуша шена т1ера х1уманаш д1айохуш ца хилла. «Д1аяха  х1уманаш», — олий, хьовзош хилла йо1а. Мутуш, верриге а хьацарша а вуьзна, хиъна 1аш хилла, шен къежбеллачу коьрта т1емерах хьокху йовлакх а тесна. Эццигахь Дукхвахас, къар а цавелла, цхьана лабана к1ел а вигна, т1аьхь мел йолу х1ума д1а а яьккхина, вукхеран санна цхьа бехчалг т1е а йоьллина, араваьккхи боху х1ара! Дош дацара, эццахь кхуьнан сурт ца даккхийтича! Ду-кха мах лур бара ас и сурт сайна доьхкинчунна!
Накъостий, буьйлуш, г1адоьхура.
— Цул т1аьхьа-м хала валийна х1ара Дукхавахас, ц1а ван ца туьгуш. Рельсаш а, уьстаг1ий а, дан долийна ц1енош а, доьзал а, х1умма а дагахь яцара боху к1антана. «Цхьа к1ира т1етухур даца¬ра техь кху куролтан директора, шена мах белча а?» — бохура бо¬ху ц1а ван ши де диссинчу хенахь...
— Дийца аш. Цхьаъ ца дийцича ма ца довлу шу. Гур дара вай-на ахь цигахь лелон дерг, — г1ур-г1урш дора Мутуша.
— Юха г1ур вуй хьо цига? — хаьттира Ибрах1има.
— Дера г1ур ву-кх, сайна путевка ма хиллинехь-м! — элира Мутуша. Чохь берш кхин а ч1ог1а бийлабелира.
   

**
Дийна делккъехь Муда вехачу кертахь яккхий г1овг1анаш евлира. «Ва, устаз!» «Ва, орца далийша!» — бохуш, бетта зударийн маьхьарий а хезара юкъа-кара. Иштта г1овг1анаш йовлаза хан яьлла г1еххьа сагатделла болу лула-кулара нах, шайн ког ма-боллу бевдда, кехула вала и.а ларориг, керта т1ех а кхоссалуш, Мудаг1еран керта лилхира.
Шина бешана уллохь, жимма хьалха т1енисбеллачара д1асаваьккхина, вовшашна чу г1ерташ, сецавора Мудий, К1охцулгий. Воккхачу шина стеган батош т1ехь ц1ийн томг1анаш дара: Мудин мерах мерцхаг эккхийтинера, К1охцулган аьрру б1аьргах хиш а, лерга уллохь охьа ц1кйн т1адамаш а оьхура.
— Хьан дена хуьлда не1алт, пис! — мохь беттара Мудас.
— Хьан ворх1е а дена хуьлда иза! — цочул а    ч1ог1а дуьхьал
мохь беттара К1охцулга.
— Ма е г1овг1анаш! Ма кхардабе нах! Шуьшиннан шинне а дена хуьлда и делан не1алт! — цаьршимма бетта мохь х1умма а йоцург еш, чуьравелира х1етта керта кхаьчна Г1ойтамир. — Шуь¬шиъ велла бисса и шуьшиннан шу, кеетта кешнийн кертахь кхочур ду шуьшинна бошмийн дакъанаш!
Дов стенна т1ехь даьлла ца кхетарш а кхийтира х1инца: шина лулахочо къуьйсург шина бешана юкъара шу бара.
— Вог1у-вог1у-уш, ах метр гергга чу веаний иза-м сан беша! — нахе мохь беттара х1инца Мудас.
— Дуй баа къур1анах, веана алий, со метар юха волу хьуна! — чуьравуьйлура К1охцулг.
— Ахь баа, хьуо ца веана алий!
— Ма баа, ахь баа, веана алий!
— Хьо ву дов д1адолийнарг, ахь баа!
— Со вац, хьо ву гуттар а соьца къийсалуш верг, ахь баа!
— Вахьа-х ма ца ваьхьа хьо дуй баа!
— Хьо а ма ца ваъхьа и!
— Д1асовцал х1инца массо а! Г1овг1анаш ма ел. Гайтал, мичара меттиг ю ашшиммо къуьйсуш ерг? — юкъавелира лулахь веха Дурди. Нах, таттабелла, шу улло бахара.
— И д1огара базанан дечган юьхьиг тхан деден раг1ух йисина ю, — лен волавелира Муда. — Цунна т1ера ладар дужжучу барамехь чуоьзна ян езаш ю х1окху боьхачу х1умано ян йолийна керт!
— Делан не1алт хуьлда харц луьйчунна! Шун деден раг1ух йисина мича ю и юьхьиг, ткъа шарахь сан кертан    б1ог1ам 1ийна йолу!
      - Хилла! Ворх1е а дена не1алт хуьлда харц луьйчунна! Ахь хьокхий деттара цу б1ог1амах, ас хьайга х1инццалц деттийтина де¬ла. Вуьшта, и б1ог1ам айхьа тоьхна цахилар ма хаьа хьуна, суначул а шера!
— И  б1ог1ам ас вай Казахстанера ц1адаьхкинчу шарахь тхешан тишачу кех схьа баьккхина боьг1на бара, хьан ден раг1ух бисина мича бара иза? — ца къарлора К1охцулг.
— Хьажахьа, хьажахьа, юха а цо юьйцучуьнга! Эхь хета а хетий оцуьнан оцу ирачу муц1арна! — юха а лата дагахь чукхоссавелира Муда.
— Схьатоха, хьуо боьрша велахь! — Зударшка ша сеца а войтуш, дуьхьалг1ертара К1охцулг. Шаьна к1орнеш санна, вовшашна дуьхьал бирзина бохкура Мудин а, К1охцулган а х1етта хьалакхиъна к1ентийн к1ентий а.
— Хьий, дела г1о шуьшинна дела оьг1аз! — ласттийна, шегара 1аса тоьхна, кхоьссина Мудин коьртара куй д1абахийтира Г1ойтамира. Муда цкъа юхаиккхира, шена хилларг х1ун ду хьажа. Г1аж тоьхнарг шен воккхаха волу шича вуй хиъча, цунна дуьхьал лата а ца х1оьттина, шен куй лаха вуьйлира. Куй масех метр генахь, котамийн буьнан тхов т1е боьжнера. Иза хазделла, г1адъоьхуш, дуьйлура керта лилхина бераш.
— Д1айовла, къот1арчий кху кертара, кино ю-м ца моьтту шуна кхузахь гойтуш? — бераш лехка, хьокха а айбина йоьдура Мудин зуда, къена Совбика. Вуьйжаш-м, кертал ара девллехь а, хуьлуш долчух самукъа даьлла, д1адаха дагахь дацара.
— Шуьшиъ 1адда 1ел х1инца, оха къастор ду х1ара, — куьг айдира Дурдис. — Гайтал, мел меттиг ю ашшиммо къуьйсуш ерг?
— Х1ара кертан хьокхий нисса шен меттиг шегахьа чу а лоцуш, детта долийна ду оцу лаьттачу мезиго, — юха а лен велира Муда, багах ара шеташ а кхуьйсуш. Массо аг1ор охьа а ихна, деттачу ц1еша цуьнан мара ц1арула ц1ийбинера.
— Вуй! Ше хиллал меттиг ю ашшиммо къуьйсуш ерг а? — цецволу сурт х1оттийра Г1ойтамира, ши-кхо шо хьалха ша а ше хил¬лал меттиг къевсина, шен лулахочух летташехь.
— Яц! Ше хиллал меттиг яц. Оцу лаьттачун эхь цахилар, цуь¬нан боьрша цахилар ду!
— Боьрша дера яц и дуьйцуш йолу хьо! Стенна даьккхира т1аккха ахь соьца и дов, хьайна иза дош хеташ ца хилча? — лаг а дахдина чуг1ертара К1охцулг.
— Бакъ лен веза боьрша стаг!
— Бакъ лен веза, ша боьрша велахь!
— Эхь ду боьршачу стагана харц лийча!
— Эхь дац цхьа хьо санна йолчу х1уманна-м!
— Эхь дера дац хьуна, х1уъа йийца а! — юха а вовшашна чу г1оьртира Мудий, К1охцулггий.
— Д1айовла цигара, боьха х1уманаш! — леккха 1аса а айина, юха а чухахкавелла вог1ура Г1ойтамир. Муда шен коьртарчу куй-нах ка а тоьхна, юьстах иккхира.
— Х1ай, нах, харц ма лоь иза соьга! — нахе д1авирзира К1охцулг. — И д1огара ирх бахана хьач кху чохь йолчу зудчо бийна ма бу, цхьа ткъех шо хьалха. Мудас боьйтур барий иза шен дозанна т1е, наха бейтича а?
— Х1уи хилла-а? Вала-а-алай, и ду хаза! — меттахъелира Му¬дин х1усамнана. — Хьан зудчо мича бийна иза, хеса хох 1отта а карах ца долуш йолчу! Со кху керта еъчахьана-м вайн доза доь-къуш, нисса шу т1ехь ма бу иза, дехьара оха бохуш,   сехьара аш  бохуш. Цу т1е, иза цхьамма а бийна а бац, ша хьалабаьлла хьач бу!
— Аш бохура хьечаш, шайн сийдацалла. Къур1анор бу и хьач-м ас бийна, ирзера синтар а деъна! — йист ца хилча ца 1аелира К1охцулган х1усамнана а.
— Ва-а, устаз, хьо ма хаза дуьйцуш! Синтар а дуьйш, зуда хили-кх х1инца хьо пхьаьжигах а!
— Пхьаьжиг со яц, пхьаьжиг шен марвешица лелла хьан ненайиша ю!!!
— Совца, зударий! Совца, ва совца! Хьий, делан не1алт хуьлда оцу шун боьхачу меттанашна! — юха а 1аса айъира Г1ойтамира. — Шуьшшиъ стаг велахьара, оцу шаьшшиннан зударшна дола дийр дара ашшимма!
— Хьада д1аяла, чуг1о, хьан г1уллакх дац кхузахь! — човхийра Мудас шен х1усамнана.
— Нах, шуна дага дог1ий, хьенан бара техь и хьач? Иза хиъча, нийсо йийр яр-кх вай кхунах, — элира Дурдус гулбеллачаьрга.
— Иза кху кертахь тхол а хьалха 1ийна йолчу сан девешин зудчунна Аровжийна дика хуур ду. Цу хенахь бийна баьлла бу и хьач. Шовзткъа шо а сов хан ю оцу хьечан, — элира Мудас.
— Делахь, цхьаъ ваха веза иза сихха схьаяло.
— Хьада, валол, к1ант, сихха г1ол иза схьаяло! — т1едиллира Мудас шен воккхаха волчу к1ентан к1антана. Т1аккха а, иза вуха схьакхаччалц яккхий г1овг1анаш лаьттира шина лулахочун шу уллохь.
Цкъа мацца а еана, халла техкаш, шу улло кхечира къена Аровжа.
— Аровжа, ахь дийцахьа бакъдерг. И д1огара хьач хьо кху кер¬тахь йолуш бара,я бацара?
— Муьлхарниг? — ч1ачкъа а ч1ечкъина, хьаьж т1е куьг а лаьцна, леррина д1ахьаьжира йоккха стаг.
— И д1огарниг. И цхьаъ бен бан а ма бац цигахь.
— Изий?
— Х1аъ, иза.
— Дера бар-кх, х1инца ша ма барра-м, со кху стаге йог1учу шарахь а!
— Баба, хьо галъяьллий техь. Хьо маре еъна дезткъа шо гергга хан хир ма ю? — ца 1авелира К1охцулган гергарчарех цхьаъ. К1охцулг ша-м, цец ваьлла, дош а ца алалуш, бага г1аттийначохь 1ара.
— Дера, жима къонаха, Баба хьер ма ца яьлла х1инца а! Ббийна шерра дага ма бог1у и хьач!
— Ца яьллехь а, яла йоккха юкъ-м ца йисина хьуна, ахь и дийцахь, — ца 1авелира К1охцулг. Аровжийна иза ца хезира.
— Со буйннал йо1 яра цу хьоча т1е йолуш Г1абалий а ят1ийна, йоьлхучу дийнахь, — кхид1а а дагалоьцура йоккхачу стага.
— Ой! Хьо маре муха еана хилла ткъа, хьо буйннал йо1 бен ца хилча? — кхит1е а цецвелира К1охцулг.
— Х1етахь хьалхе боьлхуш хилла маре, — йоккхачу стагехьа г1о даккха велира Мудин гергарчарех цхьаъ.
— Д1аяккха и йоккха стаг, цо дуьйцург ларт1ехь дац, — ца 1авелира Г1ойтамир. Нах бийлабелира.
— Собар дел! Суна цхьа х1ума дагадеана, — юккъе иккхира Дурди. — Баба, и хьач ахь биънехь хьуна хаа деза-кх и х1ун хьач бу а! К1ай хьач бу иза, 1аьржа хьач бу иза, я муц1ар йолу г1азакхийн хьач бу?
Аровжа г1еххьа йоьхна йисира.
— И х1ун ю цо юьйцург? Суна х1ун дага дог1у кхузткъа шо хьалха ас цунна т1ера х1ун йиъна? — т1ечевхира Дурдина Аровжа. «Ша сийсара х1ун йиъна а ца хууш йолчу», — т1етуьйхира цхьана уллохь лаьттачо. Нах буьйлура. «Г1азакхийн хьач бу! Г1азакхийниг!» — лере те1ара Мудийн к1ентан к1ант. Амма, иза, Аровжийна хазале, нахана хезира.
— Д1авала цигара! Х1ун ю цо юьйцург? — човхийра иза цара.
— Д1айига х1инца шайн Баба. Иштта ду аш мел дуьйцург а. Со-м дош хеташ вац и ше хиллал меттиг. Ас-м схьаузур ю керт, аш оза боххучул, — к1адвелла сурт х1оттийра К1охцалга.
— Х1ан-х1а. Со а вац иза дош хеташ. Ас юьту-кх хьуна и мет¬тиг, — куьг ластийра Мудас.
— Ахь ца юьту, ас юьту-кх хьуна!
— Суна эша-м ца оьшу ахь елла меттиг, говраш хахккал иза елахь а! Я со вешар а вацара хьан меттигна т1е кхийда.
— Г1иртина хьо-м! — юха а чукхоссавелира Муда. — Къарвала а воллий ткъа?
— Къар-м ас хьо вийр ву хьуна!
— Къар, хьаха, вийр ву ас х1инцца хьо!
— Муха? — цецваьлла висира К1охцулг.
— Зуда, схьаял цкъа вайн ира бел!
— Х1ун дан воллу хьо? — хаьттира Дурдис.
— Дера воллу эццигера и меттиг ахкийта. Цигахь, мел карийна а, мацах тхан деден хиллачу раг1ун чхо еш бехкина т1улгаш карон декхара ду.
Бел схьаеара. Цхьа жима къонаха Мудас аьллачура ахка волавелира. Йоккха хан ялале, бел цхьана боккхачу т1улгах 1оттаелира.
— Вот! И бу шуна и т1улг! Эццигахь хилла шуна и чхо а!
— Ой! Цхьа т1улг бен ца хилла техь шун раг1ун чхо еш биллина? — реза вацара оцу г1уллакхна К1охцулг.
— Муха ца хилла. Кхин а карор бу. Ахкал кхин а!
Цхьаъ к1адвелча, бел вукхуьнга а луш, охкуш, йоккха саьнгар эккхийтина бог1ура кегий нах. Амма, мел ахкарх а, кхин боккха чхо юттуш биллина хилла ала томехь т1улг ца карабора.
      - Ванах, кху аг1ор хила а хиллий-техь шун деден и раг1у? — хаьттира Дурдис.
— Хилла дер-кх. Ши-кхо б1е уьстаг1а чу а тарлуш, раг1у хил¬ла кхузах д1а-м.
— Хьажахьа, цо дуьйцург! — юха а ца 1авелира К1охцулг, — Шун деден мичхьа хилла ши-кхо б1е уьстаг1а? Къелла шен са да¬ла доллуш, ши газий, цхьа виррий бен доцуш, к1отарахь ца ваьхна шун денда, ша велла д1аваллалц?
— Ваьхна, хьан да хьакхийца воллийла! Сан дендегара а, дегара а морза а кхоьхьуш, лечуьра евлла яц шу мезигаш?
— 1адда 1е, ма е г1овг1анаш, ма кхардабе нах! Шуьшиъ а-х ший а цхьана тайпана а ву! Эхь дац иза? — мохь беттара гулделлачу адамех цхьамма.
Мацца а бело хоршара хьала цхьа даь1ахк кхоьссира, т1ехьарчийна цхьацца бехчалгаш а, говран ц1оганан хила там болуш, месаш а йолуш. Наха иза башха тергал а ца йира, амма ян а еана, хьалхха д1ах1оьттина 1ачу К1охцулган зудчуьнга мохь белира:
— Халбач! Халбач! Ва устаз, жалбач ю-кх иза!!!
— Х1ун хилла-а? — зудчо мохь х1унда бетта ца хууш кхеравелла, шен карара бел охьакхоьссира охкуш воллучо.
— И х1ун «халбач1» ю, зуда, ахь юьйцург? — хаьттира Дур¬дис.
— Иза дера ю х1окхара тхуна йоьллина, халбач, тхан кертахь има а, беркат а цахилийта, бежанаш а ца дебийта. Ва-а устаз, цундела ца товш хилла-кх, стаг вайна бежана а. Цундела елла хилла-кх хьан говр а!
Массо а «халбаче» хьаьжжинчохь висинера.
— Хьан дала хьайн са, тхешан беша х1унда юллура оха иза шуна юллуш хилча? Хьо хьуо ма ю иза тхуна йоьллинарг! Суна-х и «халбач» бохург х1ун ю а ца хаьа! — дуьхьалтасаелира Мудин зуда. — Хьан ца ле бежнаш, сан ле! Суна йоьллина иза хьо йилбазо!
— Хьан ле, хьо уьш, 1алашда зуда йоцу дела! Буьйхалша бен баьккхича къиг санна, хьо хахкалой цкъа Казахстане йоьдуш, т1аккха Теркайисте хохаш т1е йоьдуш, хехкалуш лелаш ю дуьне ма-дду! Цигахь хьан юллу хьуна и «халбачь?
— Лела дела, со ехаш ю-кх, шортта ахча а долуш, хьо санна мацалла яла йоллуш-м яц хьуна со! Я хьан беша т1е г1ерташ а яц!
— Д1асацаде шаьшшиннан и лаьхьанан меттанаш! — мохь туьйхира Г1ойтамира.
— Х1ара цхьа йистъяккха езаш хьума ду! И даь1ахка т1е хьерчийна чоьш сайн яйначу говран ц1оганна т1ера ду моьттуш ву со! — меттахвелира х1инца К1олцалг а.
Щохцулга аьллачо цецбаьхна массо а цкъачунна ойла еш сев-цира.
— Къохцалг, хьуна стенах хаьа и чоьш хьайн яйначу говран ц1огана т1ера дуй? — леррина цуьнга хьаьжира Дурди.
— Суна хета-кх уьш цуьннаш ду аьлла...
Наха юха а ойланаш йора: «И х1ун шайхалла ду техь кхуьнга х1инца доьссинарг?»
— Баьццара а, сийна а, можа а, ц1ен а говран ц1ога гиний шуна цхьанна а? — мохь туххуш хаьттира Г1ойтамира.
— Ца гина, ца гина! — жоп делира наха.
— Ц1оганан чоьш т1ехь сек а, томмаг1а а, чинт а, т1еда а ги¬ний шуна цхьанна а?
— Ца гина, ца гина!
— Ткъа хьуна муха девза, К1охцалг, хьайн пхи шо хьалха яйна¬чу говран ц1оганан чоьш, цкъа делахь? Шозлаг1а делахь, х1ара карийнарг «халбач1» ю-яц муха хаьа шуна? Суна гуш ерг-м цхьам-ма нехашца д1акхоьссина уьстаг1ан настаран даь1ахк ма ю!
— Ю и халбач! — ца къарлора КЛохцалган х1усамнана.
— Яц! Халбач яц иза. Халбач иштта ца хуьлу! — нахана юккъера мохь туьйхира цхьана зудчо.
— Ткъа хьанна хуур ду иза «халбач1» ю я яц? — куьйгаш д1а-са кхоьссира Дурдис.
— Хумбата ваха веза. Цигахь ю боху и халбач йоккхуш стаг, — элира кхечу цхьана зудчо.
— Яц. Цигарниг чуйоьллина боху, — велавелира Дурди.
— Маржа я1, цкъа х1ара вайна карийнарг х1ун ю хьажжалц йити елара цара иза, — мохь туьйхира цхьаммо.
— Вайн луларчу к1отарахь а ма ю цхьа пал тосуш, х1уманаш хуу стаг. Иза х1унда ца ялайо вай?
 — Иза схьаялочул, х1ара ваьшна карийнарг д1а х1унда ца хьо вай цунна т1е?
Йоккха хан ялале, и карийна «халбач1» меллаша, эккхарна, я цунах ун даларна кхоьруш санна, газета юкъа а хьарчийна, Мудин воккхаха волчу к1ентан к1анта луларчу юьрта «х1уманаш хуучу» зудчунна т1е яьхьира. Цуьнца цхьаьна К1охцулга хьашто йолу кхин цхьа жимха а вахийтира, вукхо бакъдерг ма-дарра схьа ца дийцахь а, аьлла.
Говрашкахь баханарш бухабахкале, гулбеллачеран тоба жимма нилха яьллера. Лулахь дика хиллачу стагана жайнахь мел боккха мел буьйцу, бохуш, хьекъале хьехамаш беш воллура Г1ойтамир.
— Ванах, оцу хьоча т1ера хьайбанаш ерриш а охьа х1унда эгна? — цецъяьлла хьийзара, ядийна ялийна къена Аровжа а.
— Кегий нах, дела дуьхьа кхетае х1ара йоккха стаг, йига а йиге, меллаша шен ц1а! — дийхира Мудас. — Баба, ялол ц1а г1о, хьаштхилахь хьо юха а схьакхойкхур ю хьуна оха.
— Со-м сиха яц. Х1ара нах х1унда гулбелла?    Хьенан зуда ю тахана ц1а ялош ерг? — кхоччуш галъяьллера йоккха стаг. Мудас иза халла кертара ара яккхийтира.
«Х1уманаш хуу» зуда йолчу баханарш а схьакхечира.
— Шена ца хаьа боху оцу зудчо и йилбазаллаш. Шега законехь доцу х1уманаш дийца а ма дийца боху. Пенсе яхчахьана и х1уманаш дитина ша боху, — геннара схьа мохь беттара вахийтинчу шиннах цхьамма.
— Пенси мукъа х1ун аьлла делла техь кху йилбазна?
— Райсобесехь болчарна жайна даьккхина хир ду-кх.
— Хир ду. Дера бу уьш дог к1еда нах, шайна жайна даьккхинчарна...
— Х1ан, дитал хабарш! — нахана т1ечевхира Г1ойтамир. — Кхеран цхьа барт а бина д1адоха деза вай.
— Ой! Ткъа «халбачна» х1ун до вай?
— Халбач д1айилла, Хумбатара зуда набахтера ара яллалц.
— Дера ма йилла тхан керта-м!
— Тхуна аьттехьа а ма ял и х1ума!
— Д1авало, к1ант, хьайна схьаяккха хуур доллучу, цхьанхьа хьуьнах, я тог1ий чу а хьой, д1айилла и х1ума, шайна ц1ано езахь,— магийра Пойтамира. — Ткъа х1инца вай цхьа барт бийр бу. Ашшиммо къуьйсуш ерг цхьа ше хиллал меттиг бен ца хилча, и ше нисса юккъехула йоькъур ю вай. Биъ п1еллиг латта схьанехьа хир ду, биъ п1еллиг латта д1анехьа хир ду. Халбачах дерг къаьстича, цунна а цхьа барт бийр бу вай. Реза вуй шуьшиъ цунна?
— Реза ву со-м! — сацам боллуш элира Мудас, шегара цхьа 1аламат доккха доьналла долуш санна.
— Со а ву-кх реза! — Т1етайра Къохцулг а.
— Нисса метар иза чуваг1ахь а реза ву-кх со! — мохь туьй¬хира т1аккха Мудас.
— Со а ву-кх, ахь хьайн керт ши метар суо волчу озахь а!
— Бакъ лоь! Иштта хила а веза ши къонаха! — къобалдира и г1уллакх Дурдис.
— И шиъ, хьаха вац осалчех! И шиъ мича тайпана ву ца хаьа хьуна? — дозалла дира Г1ойтамира.
— Куьйге вахийтал и шиъ! Вовшашна къинт1ера а валийтал!— элира Дурдис.
Мудий, Къохцулггий вовшашна къинт1ера а ваьлла, куьйгаш а лаьцна, мар-мара кхийтира.



Ибрах1иман ор чуьра йозанаш:


       Вайна (дерриге а къам а, цуьнан интеллигенции а цхьане схьалаьцча) к1езаг хеа «политически технологи» бохучу дешнийн маь1на, мах.  Вай иштта долчу х1уманийн к1езаг хьесап до х1инца а. Вайна ваьшна т1ехь дечух кхета хала хир ду, вай гутара а эшамехь, байттамаллехь хир ду вешан мостаг1ийн герз, ницкъ, технологи хууш ца хилча. Цара-м и технологиш лелон баь1аннаш, эзарнаш шераш ду! Вайна моьтту массара а вайна вешан даго, вешан кхетамо, вешан эхь-имано, вешан бусалбан дино хьоьхучу кепара ю нехан а, кхечу къаьмнийн а ойланаш. Бакъ дац. Вайна юьккъехь ду шайх «этнос» ала йиш йоцу адамаш, къам ду шаьш, бохуш, лелаш. Масала, жюгтий. Жюгтий къам дац, вирус ю, кхидолчу къаьмнашна наб ца кхетийта Дала юьккъе яьккхина, - олу цхьаболчара. Иза нийса хилар герга ду. Набкхеттарг веллачун новкъа ву. Иза сих-сиха самаваккха везаш ву. Къийсамо, т1амо карзахваьккханчунна бен ма-барра ца хеа машаран, парг1атонан мах. Далла дуьненчохь бийшана 1охку нах ца оьшу, Цунна дуьненчохь деналлехь, кхетамехь, иманехь умма оьшу. Ишттачу уммайна бен бийр бац Аллах1 Дала шен рог1ера хаамаш.
       Политически технологи вайн мостаг1аша гуттара а лелош ю, цкъан а сацайна а яц. Росси пачхьалкхеца 200 шо хьалха кхоллаелла юкъаметтиг машарца, бертахь д1анисъя г1иртира вайн къоман баьччанаш.  Х1етахьлера нохчийн баьччанаш деналлехь, оьзда, кхеташ нах бара, х1инцалерачарех тера а боцуш. Амма Россин куьйгаллехь цхьацца провокаттоьр волура, цу «вирусах» х1уо кхеттарш. Масала, масон, жуьгте Ермолов. Цо онда къахьийгира оьрсийн а нохчийн а юкъаметтиг гуттаренна а эг1о. Цуьнан цут1ехь боккха аьтто хилира. Цу аьттонан х1уо таханалерчу дийне схьакхаьчна. Ермоловгара эстафета схьаэца г1ерта таханлера цхьаболу Росин инарлаш, къаьсттана талмудисташ.

       Вирусан политика наггахь цхьанайог1у шовинистийн политикайца. «Советски империн великодержавни шовинизм» - и тема 1илманехь 1амайна яц х1инца а. Советски шовинизм классийн къийсамех, пролетарски интернационализмах д1атаръя атта ду цхьаболчарна. Амма мича классийн къийсамашца, пролетарски интернационализмаца дог1уш дара Нохчийчохь итаннаш шерашкахь цхьан а йоккха завод, я фабрика ца йиллар? Шовинисташна нохчий оьрсийн къомах сихха д1аэ леара, ткъа вирусна вайн махкаь т1емалой кхиа леара. Оьг1азе, меца, къиза т1емалой!  Уьш кхиа а кхиъна, леррана цхьана питомникехь кхиийча санна.

       Вайна моьтту, вайца цхьане а бала бац, вайн кхолламаш шайна ма-хетта д1анисба г1ерташ, вайх шахматийн у т1ехь пешканаш ян г1ерташ цхьа а вац. Иза аьттехьа а дац! Вай сана цу шахматийн у т1ехь ю Росси а, кхи мел долу 1овдал, г1ийла къаьмнаш а, пачхьалкхеш а. И ца хуу дела ду вай б1аьрзе цициган к1орнеш санна д1асахьийзаш, цхьанне а (ур-аттал вовшашна а) дош а ца хеташ, я къа а ца хеташ.
       Дерриге а хууш хилча а хьалхадоккху вай… вешан киса! Дерриге а д1анисло моьтту, цъа-шозза мовлид ешча, молла ву бохучун кисана лачкъиначуха  кепекаш те1ийча… Дела 1ехавалла ницкъ бу техь вайгахь? Я Дала кхин (я кхинаш) карор бацтехь шен «Адам» - аьлла инзаре проект дуьненчохь чекхъяккха? Къор1анна т1ехь цо билггала ма боху, галдевллачу къаьмнийн метта ша кхинаш кхуллур ду!
       Политически технологи… Бусалбан дино иза йилбазалла, шайт1аналла лору. Х1уда деза бусалбанашна йилбазан, шайт1анан 1илма, методика схьа а эцна, царех д1атарбала йиш ца хилча? Мостаг1чун герз лело йиш ца хиларх, и герз довза декхара ду. Цу герзаха к1елхьара довлар лаха декхара ду. Т1ом т1амо Бен юха ца  туху. Амма муха хила беза вайн т1ом? Муха хила деза вайн г1азот? Ишттачунна аьлла вайн дайша: «сихалло садаьхьна, собаро лам баьккхина!»


       СОБАР ду вайн хьалхара герз. Къаьсттина – жимачу, вовшашца барт боцучу къаьмнашна. Собаро къезаг долчуьн  хьекъал алсамдоккху. Дицделлачунна г1иллакхаш дагадохкуьйту. Оьг1азалла лахъйо. Мелла а къинхетам боссабо. Дино, пайхамарша беш болу хьехамаш тидаме оьцийту. Собар хьекъалан, кхетаман да ду. Цундела лардо собаро адам массо а вочу х1уманах. Кхин х1умма а ца дийцича а, Делехь долчу собаро кхето декхара дара вай, иза мичара схьа ду, мила ву собаран бакъволу да


       Шозлаг1а вайн герз – ХААР, 1ИЛМА! «Информирован – значит вооружен» - олу оьрсаша. «Нохчашка т1аьхьа дуссу хьекъал шегахь делахьара, стигланаш дашо йир яра ша, - аьлла боху жуьгтечо». Иштта ду вайн цхьа хабар. Вуьшта, вайна т1аьхьа доьссина хьекъал а кестта дицло.  Тоьар бацара вайна Кунта-Хьаьжас бина хьехамаш, цкъа юха а ваьш дакъаза ца даха? Кунта-Хаьжас весет ма дитанера вайна: «Нохчий! Совцабе г1еттамаш! Сацабе т1емаш! Вай кхачош лаьтта. Из аду вайн мостаг1ашна оьшург – вайн латта, вайн ялсамане сана болу мохк, вай т1ехь а доцуш. Шайга г1о, алахь, килсаш чу а г1о. Уьш пенош Бен дац, шун дегнаш чохь бусалбан дин хилчахьанна. Шайга ихка, алахь, жа1арш а ихка коча. Уьш эчигаш Бен яц, шун дегнаш бусалбан хилчахьанна. Амма шуьга шайн зударий мах а ца беш лелабе бахахь, шайн г1иллакхаш, оьздангалла, мотт бицбе, бахахь, т1аккха г1овтталаш, лате, цхьа1 санна, эгалаш, шаьш дела д1адовллалц!»
       Тахана вайга цхьаммо а килсаш чу г1о а ца боху, коча жа1арш охка а ца боху, ламазаш ма де, марханаш ма кхаба а ца боху хьажой ма хила а ца боху, мелххо а динехь, иманехь верг сийдолуш ву 1едална гергахь. Х1ун ца тоьа вайна? Мича кхача г1ерта вай, кхийлчу бусалбанин республикел, кхидолчу бусалбан къаьмнел хьалха а девлла? Хьаьнца беш бу вай т1ом? Вешан синошца. Вешан къомаца. Вешан хиндолчуьнца! Ма там бина вай илбазана. Юха а. Мича дахана вайн «т1ахьа гучадолу хьекъал?» Т1аьххаре а, кхоччуш оьг1аз а вахана, Дела вайха д1аверзар кхерам бац? Цо вайна кхетам, хьекъал, эхь-иман стена делла, вай цареха пайдаэца хууш а, лууш а ца хилча?

       Кхозлаг1а вайн герз – х1ора стагана а шен синан мах хаар, ша-шен пусар дан хаар! Х1ора стеган а ЭС. Стагана ша мила ву, мича орамаш т1ера ву, мича сийлахьчу дайн т1аьхьенаха ву хууш хилча, цунна шен дахар иштта атта хетар дац, иштта атта велла д1авала луур дац, цхьана тентаго г1азот кхайкхайнера, аьлла. Ша велча дийнна цхьа дуьне духуш сана хетар ду цунна. Ткъа вайн мостаг1ашна угаре а ч1ог1а лууш дерг х1ун ду? Вай вовшен карах далар!
       Угаре а мехала ду нохчашна шайн къайлаяьккхина истори йовзар. Бакъ дац вай ши-кхо баь1а шо хьалха а акхарой Хилла, оьрсийн муьжгеша хьекъал а, кхетам а, йоза-дешар а дела серладаьхна, бохург. Вайн къоман орамаш угаре а сийлахьчу Урарту-хурритски, шумерски заманашка д1адоьлху. Иза ингалсан, немцойн, французин, оьрсин 1илманчаша дуьйцу. Цхьа нохчийн «1илманчаш» бу и за схьалаца кхоьруш бераш. Ма ч1ог1а кхерийна хилла вай цу коммунисташа а, чекисташа а! Белла д1абовла реза букха вайн цхьаболу историкаш, цхьа к1еззаг боьршалла шайна т1е ца лоцуш! Ма инзаре х1ума ду иза! Стенах кхоьру уьш? Империс шаьш лехьош йолу взятканаш гучуяхарх кхоьру? Шайгара даржаш д1адахарах кхоьру? Ма йохкайшу гуш лаьтташехьа шайн истории! Базарахь картолаш, кхоьш, бехчалгаш йохкар г1олехь даракха шуна, империна а, сионисташна а шайн истории юхкучал! Бехк ма билла, к1оршаме яздарна. Кхи дешнаш ца карадо. Бакълей вай кортачаца мукъа.
 
**

— 1уьйре дика хуьлда хьан, Дардаил! — юьртасоветан пред¬седателан кабинета чу велира Ибрах1им.
— Диканца вог1ийла хьо а! — хьаланисвелла, куьг кховдийра Дардаила к1анте. — Сехьавала. Охьахаа. Дуьххьара кхаьчна-кх кху юьрта соьга ша текха а ца войтуш, самостоятельный бригадир! Т1аккха, дийцал Ибрах1им, муха ду вайшиннан г1уллакхаш?
— Вайшиннаш-м вон дацара, — г1анта т1е охьахиира Ибрах1им, — кху юьртарчу неханаш ду-кх вон.
— Х1ун хилла х1инца? — юьхь т1ехь хийцавелира юьртада.
— Латта къуьйсуш, шу къуьйсуш, вовшийн карах бала г1ерташ бу нах. Ткъа вай шайна юкъахь нийсо йийр хиларх тешна хилча, вайшинна т1е бог1ур бацара уьш, вовшех а ца леташ?
— А-а, и дуьйцу ахь, — куьг а ластийна, велакъежира Дардаил, — и т1ом-м цкъа а хедар болуш бацара кхузара. Тергал а ма бел ахь 1овдал ламарой. Са ма гатло церан, наггахь иштта г1овг1а ца яьккхича... Дийца х1ума доцуш к1ира хан яьлча, сагатделла, лийр бара кхузара нах. Цундела, шайна дийца х1ума ма доккху цара, наггахь, дагабовлий. Хьа-хьа-хьа!
— Вайн похозяйственни книга мичхьа ю? — леррина цуьнан б1аьргаш чу а хьаьжна, хаьттира бригадира.
— Х1ун до ахь цунах? — кхоьлира Дардаил.
— Т1ехьажа воллу-кх.
— Хьайна оьшург хаттахьа.
— Ткъей итт сотка сов латта дуй кху юьртахь  цхьана а доьзалан а?
— Ду моьттуш-м вац со...
— Хьо «моьттуш вацахь» а, массо нахана ган а гуш, цхьабол¬чара чулецна-м ма ду цхьацца гектар гергга латтанаш. Ткъа вуьйжаш, латта к1езиг долуш, вовшашна чу г1ерта. Ахь-м уьш дан х1ума доцуш «са гатлуш» лела боху...
— Цхьана кертахь кхоъ-биъ доьзал болуш а хуьлу. Вуьшта, мангал хьакха чулоций цанаш а хуьлу. Уьш бошмаш ма яц.
— Лаьттан комиссиин список мичхьа ю хьан?
— Вуй! Хьо суна ревизи ян дагахь-м вац? — моха йог1уш лаьттара Дардаилна. — Хьо ма вац соьга болх хетта декхарийлахь верг. Хьо ас заслушивайт ван декхарийлахь верг ма ву! Хьуна юьртасоветан бакъонаш йовза а евзий, х1ай?!
— Латта колхозан ду. Колхозан латта ларда декхарийлахь ю юьртасовет, б1аьргаш а хьаббеш, 1ан декхарийлахь яц, иза наха шайн дола дохуш! — дуьхьалвирзира Ибрах1им а.
— Делахь х1ета, ишттаниг соьга шайн председателе дийцийта-хьа. Хьан г1уллакх а дац сан балхана юкъаг1ерта. Хьо мила ву ван? Хьо хьан ваийтина, суна имам вала, аьлла? Хьо валлалц хил¬ла х1уманаш х1инца хьо бригадир веъча х1унда ца мега? — кхоччуш оьг1аз воьдуш лаьттара юьртада, юьхьанца велавелла, векхавелла хиллехь а.
— Соьга «имам вала» цхьаммо а ца аьлла, Дардаил, я со хьоьца г1иллакхах воха дагахь а вац. Вуьшта, со сайн болх ца бича ца волу. Цхьана меттехь лаьтташ ма дац х1умма а. Нийсо хила еза адамашна юкъахь лелошъерг. Адамо муьлхха а хало а, бала а ловр бу, нагахь юккъехь лелошъерг нийсо елахь! Шу къуьйсуш, вовшах леташ бу цхьаберш, шаьш готтехь бохкуш болу дела. Ткъа вуьйш цхьацца гектар латтанаш дола а даьхна, 1а, шек а боцуш! Мичхьа ю ткъа юьртасовет? Мича хьуьйсу депутаташ?.. Хьуна цхьа х1ума хаьий?
— Х1ун «х1ума»? — б1аьргаш къарзийра Дардаила.
— Кху хьан юьртасоветехь беш болчу балхах хадабо хьуна кху эвларчу наха доллучу Советан 1едалан мах а!
— Накъост, хьуна цхьа х1ума хаьий? — стоьла т1ехула ши куьг д1аса а тесна, чуг1оьртира т1аккха юьртада.
— Х1ун «х1ума»? — хаьттира х1инца Ибрах1има.
— Ас шун колхозо духкучу эханнал а сов пачхьалкхана жижиг а, шура а духкий хаьий хьуна?
— Ахь аьлча а, кху юьртарчу наха...
— Х1ан-х1а! Юьртара нах 1адда 1аш хир бара, аса шаьш буь-туш хилча, пачхьалкхана цхьа уьстаг1а, цхьа бежана а ца юхкуш! Ткъа сан-м цаьрга жижиг дохка, баха юьхь хила езий!
— Масала?
— Масала, ас олу и латтанаш чулецначуьнга: «Пачхьалкхана иттех центнер жижиг дохка деза ахь. Ца дохкахь, оха латта д1адоккху хьоьгара...» Т1аккха цо жижиг д1ало.
— Я хьоьга шай-кай ло...
— Ишттаниг а хуьлу. Ца хуьлу баьхча, бакъ а дац. Ткъа ас, заготовиталца барт а бой, бежнаш ма оьцу, миччара оьций а. Шай-кай еллачунна квитанци д1ало.
— Ца луш меттиг а йог1у...
— Накъост, хьо со ахка ма г1ертал хьо! Тхоьга, юьртадайшка, х1ун элира хаьий хьуна, хьастаха райкоме а, райисполкоме а д1а а гулдина?
— Х1ун элира?
— Дера элира, жижиган а, шурин а план ца йинчу юьртадайша заявленеш дала деза, балхара д1адовлийта шаьш, аьлла! Тхоьх-м заготовителш диний цу наха!
— Еккъа ц1ена, цхьа план ца йича, д1а муха доху шу?
— Хаац суна-м. Бахьана кхин х1оттор ду шаьш, боху, иштта схьа! Х1умма а лечкъа а ца до. Со-м, г1аддайча, бежана а, уьста-г1а а д1абала а г1ертара. Цхьаболчара х1ун леладо хаьий хьуна?
— Х1ун леладо? — цецваьккхинера Дардаилан дийцаро Ибрах1им.
— Туьканара эца а оьцуш, пачхьалкхана юха д1адухку-кх даьт-та! Цхьаболчара, ур-аттал, цунах маргарин а тухуш. Иштта ду хьуна, к1ант, г1уллакхаш. Со-м г1адвахана 1аш ваций кхузахь. На¬хана гергахь, дГаваьккхи ца бахийта, ка-м1араш туьйсуш воллу. Пенсе ваха хан а ю т1ег1ерташ.
— Иза-м тамашийна х1уманаш а ду, х1инца ахь дуьйцурш-м...
       - Тамашийна х1уманаш-м дуккха а гур ду хьуна, к1ант, вала вахлахь. Масала, х1оаш эца нахера, олий, план туху вайн заготконторана. Х1оаш а шаьш уьш эца г1ала базара а оьхуш, 1аш болчу наха дохка ма ца духку. Т1аккха заготовителша шаьш а, баха а боьлхий, и х1оаш туьканара схьаоьцу. Х1оаш юха заготконторе кхочу, цигара юха а туькана, цигара юха а заготконторе... Иштта хьийзадо и х1оаш, царех локкхагаш хиллалц! Я и берриге а болх кехаташца чекхбоккху. Кехаташ т1ехь х1оаш эцар а, д1адалар а, нахана дохкар а, дерриге а хуьлу, амма нахе кхоче х1умма а ца хуьлу... Иштта до цхьацца йолчу колхозашкахь шурина т1ехь а, жижигна т1ехь а. И продукташ белхалошна, колхозникашна йохка пачхьалкхо лой, лимит хуьлу. Бакъ а, харц а планаш йинарш хила г1ерташ, цу лимитана а харц кехаташ х1иттадо. Ткъа нах-м, базарара ца эцча, жижиг а, даьтта а доцуш 1а. Иштта ду хьуна, Ибрах1им, г1уллакхаш. Дерриге а сан бехк болуш а дац хьуна. Я со шун председателах Къосумг1ерах кхоьруш а вац хьуна, ма-дарра аьлча, цуьнан мел даккхий гергарлонаш делахь а. К1ордийна суна х1ара харцонаш!
Дардаил боккъалла а оьг1азваханера.
— Ас-м ца во доллучунна а хьо бехке, — элира Ибрах1има. — Колхоз ша декхарийлахь яра шен лаьттан дола дан. Цо и дола ца дича, цаьрга ала декхарийлахь юьртасовет а яра.
— Суна-м хаьа, цкъа мацца хилла а, вайн партис а, правительствос а ма-баххара, кхузахь а нийсо хила езий. Вуьшта, со цхьаъ д1аг1ертарх а, вайшиъ шиъ г1ертарх а дукха х1уманаш нислур дац-кх. Райкомана а, райисполкомана а атта хета харц а, бакъ а, мухха йина а, планаш яр, ма-дарра г1уллакх обкомана а, министерствона а хьалха охьадуьллучул. Шайн креслаш ма деза царна а...
— Хьо х1ун ала г1ерта? — ца кхийтира Ибрах1им.
— Со дера г1ерта вайн колхозашкахь а, совхозашкахь а жижиг а, шура а яккхаран барам лакхабоккхуш бац, ала! Ткъа уьш пачхьалкхана шарнна а дохкар жим-жима лакхадолуш ду.
— Муха?
— «Муха», «муха»... Тхо хьийзадо-кх, нахера продукци алссам закупать е бохуш! Районна т1етухуш йолу план продукци произво¬дить ярна тухуш ма яц, йохкарна тухуш ю! Цундела председателш а, совхозан директорш а паргг1ат 1аш бу, гай т1е м1араш а хьоь-кхуш. Цу т1е, шайл лакхара болчаьрца цхьацца гергарлонаш а тийсина... Ткъа нах хьийзабо, пачхьалкхана жижиг а, шура а дохка бохуш. Цу т1е, лахо-охь йолчу ярташна бажа бажон юьтуш майда-наш а яц, ерриге а д1ааьхна. Х1орш-м яккхий харцонаш яй, кху т1аьхьарчу масех шарахь вайн районан куьйгалхоша лелошъерш! Хаац, иштта д1адолхахь, вай мича кхочур ду-м...
Ибрах1им, вист а ца хуьлуш, хиъна 1ара. Ойла йора: «Х1ара ма тамашийна къамел ду, кхо долийнарг. Берраш а бехке бо. Х1унда? Суна гергахь ша бакъва? Суна шех къа хетийта? Вуьшта, со-м бри¬гадир бен ма вац. Х1ара суна отчеташ яла декхарийлахь а вац. Ткъа кхо дуьйцург ма-дарра, бакъдерг делахь?.. Соьга а ца дуьйцуш, председателе, я районерчу хьаькамашна х1унда ца дуьйцу? Царна ишттаниг хаза ца лаьа дела...    Ткъа суна?    Соьга х1унда дуьйцу? Дуьйцу, со цхьа диканиг дан г1ертий шена хуу дела. Соьх ша теша дела. Иза дика ду. Иза толам бу! Иза суна к1езиг дац. Производство алсамъяккхар... Иза дац ткъа уггаре а коьртаниг? Шен муха ю техь кхуьнан цу хьокъехь ойланаш?»
— Дардаил, ахь х1ун дийр дара, вайн колхозан даьхнийн сурсаталла алсамъяккхарехьа?
— Ас, сайга хаьттича, вайн йовш лаьттачу лаьмнийн цанаш т1е а дежийлашка а некъаш дохуьйтур дара-кх. Мацах вайн дай лаьм-нашкахь бехачу хемахь, 1аламат дукха ирзеш а, цанаш а ма хилла кхин а лекха лаьмнашца хьала лелаш. Къохунча, Ножан Берде, Яьска Хьехе, Муж болу аре, Тишолт1е, Аренберде, Меишт1а, Къоь-хуна — ерриге а и тайпа меттигаш т1е къух, хьун а яьлла, йовш ма ю вайн ламанца. Уьш ерриге а вовшахтоьхча, ши эзар сов гектар латтанаш хир дара. Цига некъаш дохкуш дайинарг кхаа-деа ша¬рахь метта х1уттур дара, ткъа т1аьхьарчу т1аьхьенна а даьхний лело аьтту а хир бара. Моьттар ду вайн район а, республика а оццул ч1ог1а хьалдолуш ю, и тайпа латтанаш д1атиссина дита...
— Дардаил, цигара докъар схьауьйзуш къа хьоьгучул, циггахь цхьа ферма йилла а мегар ма дара.
— Цхьаъ хьовха, масех ферма йилла а мегар дара цигахь-м. Транспортераш а, автопоилкаш а йохкуш, яккхий харжаш ца йича а, стерчашца докъар т1е а узуш, пхи б1е гергга бежана 1аьнах даккхалур дара. Иза экономически санехь а хир дара.
— Иштта х1унда ца олу ткъа вай Къосуме?
— Къосумна стенна оьшу совнаха г1айг1анаш? Цуьнга хьаькамаша бохуш а ма дац х1умма а. Мелхо а, г1о доккху цуьнгахьа, г1алара цхьа инструктор боху ц1уьх1ар схьа а хьажайой. Атта баха лаьа-кх хьаькамашна, цкъа кху муьрехь. Т1етаь11ина къаьркъа маларрий, сакъераррий, бу-кх цхьаболчийн болх цкъа х1инца а.
Ибрах1имна дагадеара: «Ванах, со а-м вац техь кхо вуьйцург? Со а ма ваханера хьастаха Къосумг1арна хьошалла дан...»
— Со айса бинарг бина ваьлла, Ибрах1им. Де а, могашалла а яц, ницкъболчаьрца къийсавала. Ахь д1аболийна некъ нийса а, ц1ена а бу. Суна луур дара, хьо цунна т1ехь чекхволийла. Адамаш-м, дукхахдерш, дика ду хьуна, замано цаьрга бен-бен амалш эцийтахь а. Дерриге а эшор ду замано, бакъдерг доцург. Соьх-м накъост хир ву хьуна, эшначахь, сайн д1аг1ерта де дацахь а. Бошмаш а д1анисйийр ю вай. Шайн председателе комисси еха ахь.
**


1уьйрре охьавеара Ибрах1им райцентре. Сахьт гергга хан елира райкоман белхахой чу ца бог1уш.
    — Иза ярий Долдаева? — х1аьттира Ибрах1има приемни чохь 1ачу секретарше, цхьа хьаьрса месаш йолу зуда шена уллохула а яьлла, кабинета чу яхча.
— Яра, — къежира йо1.
— Ц1е муха йоккху аш цуьнан?
— Роза Пашаевна.
— Со чуваха мегар дуй иза йолчу?
— Ас хатта?
— Хаттал. Макаев ю алал сан фамили.
— Чувола боху, — араелира хатта яханарг.
— 1уьйре дика хуьлда хьан! Ахь кхайкхина бохура-кх соьга, — чоьхьавелира Ибрах1им.
— Садитесь, — п1елг хьажийра райкоман секретара, ша хиинчуьра меттаха а ца хьовш.
— Баркалла. — Ибрах1им не1аре охьалахвелира.
— Коммунист вуй хьо? — оьрсийн маттахь хеттарш дан йолаелира секретарь. - Мичхьа ваьлла парте?
— Эскарехь волуш.
— Сихбелла-м ца хилла техь уьш? — шад х1оьттинера хьаькаман хьаьжъюккъе.
— Со ца кхета ахь бохучух, — г1еххьа воьхна висира ша рай¬коме х1унда кхайкхина ца хууш, сийсара дуьйна сагатдеш хилла Ибрах1им.
— Дадашева Лайса Майрбековна бохуш цхьа хьехархо юй шу долчахь?
— Ю, — кхоччуш цецвелира Ибрах1им.
— Муха ю шуьшиннан юкъаметтиг?
— И стенна хоьтту ахь соьга? — оьг1азвоьдуш лаьттара х1инца к1ант.
— Сан болх бу иштта — хатта дезаш.
— Массаьрга а, массеран а юкъаметтиггий?
— Харцахьа ма дахал ас хьайга бохург. Массо а ца буьйцу шайн заявлени т1ехь иштта, шуьшиъ санна... Нах а кхардош, буьйсанна сахиллалц долалой ца лела, шайх бераш а делош. Хьажал — х1ара заявлени ду хьуна соьга хьалхарчу секретара къастон делла! Леррина и деша а деший, объяснительни язъел. Лараяхь, суо еана а, я инструкторш бахкийтина, бисинчаьргара т1аьхьа йохуьйтур ю ас объяснительниш.
Стоьла улло веана, схьа а эцна, сихха кехата т1е хьаьжира Ибрах1им.


«Райкоман хьалхарчу секретаре.
 Хойбахарчу школехь доьшуш долчу
берийн дай — наношкара.
Заявлени
Ч1ог1а оьзда, г1иллакхехь 1аш бара тхан Хойбахара нах, кхуза Макаев  Ибрах1им  боху цхьа    бригадиррий, Дадашева Лайса Майрбековна боху цхьа хьехархой ца деанехьара. Цаьршиммо шаьшшинах нах кхардо болийна. Буьйсанна юккъехь, къаьркъа а молий, шен когаш т1ехь а ца лаьтташ, вог1ий и йо1 ара йоху Макаевс, т1аккха цуьнца д1авоьду, мича воьду а ца хууш, шаьшшиннах нах а кхардош...».
Иштта д1а кхин а там мел боцург дара кехата т1ехь яздина. Бухахь цхьаннен а ц1е язйина яцара. И кехат цкъа шен карахь доллушехь хьарчийна, дат1ийна, кхоьссина д1адахийта дагадеара к1антана. Т1аккха ша х1ун дан деза ца хууш, воьхно висира.
— Х1окху т1ехь дерг бакъ а хетта, кхайкхина ахь соьга? — меллаша хаьттира цо, хьалха санна юса а елла, хиъна 1ачу райко¬ман секретаре.
— Бакъ ду-дац-м оха къастор ду. Хьо иза бакъ дац ала г1ерта?
— Бакъ дац!
— Шуьшиъ буьйсанна лелаш нахана гина бохург а бакъ дац? – хаьттира секретара, нисса цуьнан б1аьргаш т1е б1аьрг а боьг1на:
— Суна-м райкоман секретара сайца къамел жимма кхечу кепара дийр ду моьттура... — элира Ибрах1има.
— Масала?
— Масала, муха бу хьан керлачу меттехь болх? Х1ун тайпа халонаш ю? Х1ун 1алашо ю? Карийний накъостий? Гучубевллий дуьхьал берш? Т1аккха, иза хиъначул т1аьхьа дикахо а кхета ма мегара хьо и боьха анонимка хьан язйина а, х1унда язйина а...
Долдаева иттех шарахь райкоман женотделан заведующий болх бина яра. Райкоман экономика а, культура а деборан некъаш а, 1алашонаш а дика ца евзара цунна, стохка ша райкоман секретарь хаьржинехь а. Моьттура, массо адаман юкъаметтиг а нах кхерийча дика метта йог1у. И амал, хетарехь, хьалха ша бинчу балхо эцийтинера цуьнга. Д1адаханчу шерашкахь дукха 1иттаделлера цо къастон дезаш школьницаш маре ихна, зударшна т1е зударий балийна, бехкбоцуш зударий майранаша чуьра арабаьхна, кхин а дуккха а и тайпа г1уллакхаш.   И дерриге а хала г1уллакхаш къестош, церан мах хадош леллачу зудчун дог-ойла а г1еххьа артъеллера.
— Со хьоьца къамелаш деха дан дагахь яц, накъост Макаев, цу г1уллакхах лаьцна хьайна х1ун хета алий, объяснительни язъел хьалхарчу секретаран ц1арах.
— Ас цхьа х1ума дийца хьоьга, Роза Пашаевна? — юьхь т1ера г1еххьа ц1ийвалар д1адаьлла, макх а луш, — вистхилира Ибрах1им: — Ас объяснительни а, шуна оьшшург а лур ю шуна, амма шу х1ара боьха анонимка а айина, Лайса Майрбековна йолчу долхахь, ас х1ара г1уллакх иштта дуьтур-м дац шуна!
       - Ой! И бохург х1ун ду?! Хьо мила ву и дита а, ца дита а? Гина суна хьо саннарш, 1аламат дукха гина! — чуьраелира секретарь. — Дера воллу хьо, к1ант, х1ара г1уллакх бюро   даккхийта, нагахь хьуна «тапп» — аьлла 1адда1ан ца хаахь!
«Ванах, Къуддуза цхьаъ дийцина техь кхуьнга?» — ц1еххьана дагатесира Ибрах1имна. — «Хьажахьа, хир а ю хьуна х1ара цо меттахяьккхина. Дукха ма дуьйцура наха цуьнан массо а маьПехь а гергарлонаш ду бохуш...»
— Со кхийти х1инца ахь лелочух, — къежира Ибрах1им, не1арехьа д1а а волалуш. — Хаьа суна, со бехван хьо хьенан лаамца г1ерта.
— Хьенан лаамца г1ерта? Х1ун ала г1ерта хьо? Д1а ма г1ол! Собар дел, цкъа!
— Кхид1адерг хьоьца дийца ца лаьа суна!
Приемни чохь йолу секретарша цецъяьлла хьоьжура оьг1азвахана араваьллачу Ибрах1име.
— Чохь вуй шун хьалхара секретарь? — хаьттира к1анта, йо1 хьоьжуш лаьтташехь.
— Ву.
— Со т1еоьций хаттахьа цуьнга.
— Х1инцца.
Ибрах1имна цкъа а дага дог1ур дацара ша иштта майрра, кечам а база, хьалхарчу секретарана дуьхьал х1уттур ву а, шен цуьнца майрра дийца х1ума хир ду аьлла а. Амма х1инца цхьа йист ца яьккхича ца йолура:  Лайсин... хьомечу Лайсин сий дайа т1ег1оьртинера ямарт, боьха куьйгаш.
— Чувола боху, — араелира секретарша.
— Х1ан? Соьга боху? Ткъа-а-а, ц1е нийса муха йоккхур ю ас цуьнан?
— Хьамид Сулейманович. Хасанов Хьамид Сулейманович ву-кх иза... — меллаша элира йо1а.
— Соьга чувола боху цо?
— Боху дера-кх... Ахь айхьа ца яхийтира со хатта чу?
— Х1а-а, яхийтира, дер-кх! — чоьхьавелира Ибрах1им.
— Де дика хуьлда хьан, Хьамид Сулейманович!
— Диканца вехийла! Сехьаваьл. Охьахаал. Ибрах1им ю элира-кх соьга секретаршас хьан ц1е. Нийса аьллий цо?
— Нийса аьлла, — шега гайттинчу охьалахвелира к1ант.
— Хойбаха а кхачаза вуьсуш лаьтта-кх со кхушара. Дийцал, муха ду цигахь г1уллакхаш? Аьлларг ца деш, ламароша хьийза-м ца во хьо? – бригадир вевзира хьалхарчу секретарана.
Ибрах1иман дег1е а, даге а хаа а луш, цхьа шатайпа парг1ато еара. Иза леррина хьаьжира хьалхарчу секретаран йоккхачу, хебаршка яха йолаеллачу к1айчу юьхь т1е. Сирбелла корта, баккхий, боьмаша б1аьргаш, т1еюьйхина товш 1аьржа кастюм, некха т1ехь  Нохч-Палг1айн лакхарчу Советан депутатан  значок. «Кхуьнах-м кхера а, ийзавала а оьшуш ма ца хилла... Х1ара волчу-м тоххарехь ван везаш хиллера», — ойла йора Ибрах1има, ша дуьхьал жоп делла валале.
— Ламарой-м, массо а адамаш санна, баха г1ерташ ма бохкура, вай шайн жимма а г1айг1а беш белхьара, — шена чу вог1уш дагахь цахилларг элира бригадира.
— И нийса боху ахь. Вон адамаш дан а дац хьуна, Ибрах1им, цхьаннахьа а. Вон вай ду, нагахь уьш шайн 1ер-бахарна реза бацахь. Т1аккха, йол кечъеш буй цигахь нах?
— Нах а бу. Вуъшта, косилкашка а хьакхийтинера ас цигара цхьайолу меттигаш. Масех хола т1ек1ал а тохийтинера, белхий а бина...
— Ахь боккъалла а бохий? Молодец! Къосум Наибовиче а ас к1езиг бохуш-м дацара хьуна цигара цхьайолу меттигаш косилкашца хьакхийта. Ши куьг а, ши ког а г1ортабой, дуьхьалволур-кх суна иза а, кху вайн юьртабахаман урхаллин хьаькам Висайт Хумидович а. Кхетта хир ву-кх и шиъ а эххар а.




— Кхушара-м бертаза хьакхийтина ас иза, юха шара х1уъа хилахь а...
— Молодец! Хьо-м тхан къона комму¬нист а ву моьтту суна. Вуй?
— Ву.
— И дика ду. 1аламат дика ду. Ишттаниш бу вайна юьртабаха-мехь оьшуш берш — майранаш, къонаниш, хууш берш!
— Хьамид Сулейманович...
— Ладуг1уш ву.
— И цхьа заявлени ду Роза Пашаевнехь... цо кхайкхина валий-на вара со, ван-м...
— Х1ун заявлени?
— Цхьа анонимка ю-кх... Там мел боцурш т1е а язйина. Хетарехь, со шена новкъаволчо х1уьттаренна дина-кх иза...
Шен стоьлах латийна кнопка т1ета1ийра хьалхарчу секретара. Чоьхьаелира приемни чуьра йо1.
— Чуйола аьлла Долдаеве.
Ибрах1имна жимма эхь хийтира, ша арз дан веанчух тарваларна.
— И х1ун заявлени ду хьоьгахь дерг? — хаьттира Хьамида чуеанчуьнга.
— Суна хаьара х1ара хьо волчу веаний а, ахь соьга х1ара ба-хьанехь чукхойкхур юй а. Цундела х1ара а дахьаш чуеана со-м. Х1ара ду-кх, ахь соьга хьастаха къастаде, аьлла схьадаийтина.
Стоьл т1ера схьаэцна, шен б1аьргех куьзганаш а доьхкина, сихха заявлени т1е хьаьжира хьалхара секретарь.
— Масане йовлу х1орш, боьха мел ерш а, оьзда мел йоцурш а, вовшашна  х1уьттаре  хилчахьанна,  кхечу х1уманан  Лайла  а  ца беш. Суна-м диц а деллера х1ара. Та-а-ак... ян мукъа юй шу дол-чахь иштта ц1е йолуш хьехархо?
— Ю, — жоп делира Ибрах1има.
— Хьо а т1евахана ву, иза а т1еяхана ю. Хьаша ма ду шуьшиъ ший а, шайн дай-наной а дитина, нахана т1е дахана. Ваший-йиший санна хила ма деза шуьшиъ, вовшашна оынучуьнга а хьожуш...
— Тхойшиъ-м ду иштта! — эккхийтира, сихвелла, Ибрах1има.
— Ду дер! Кху т1ехь а боху иштта, — ца ешаш, елар иккхира Роза Пашаевнега.
— Роза Пашаевна, хьо-м дукха лерина т1ейоьрзуш а яй ишттачу г1уллакхашна, 1ама а 1емана. Д1адаккхал ахь х1ара, иза цхьа а фактор йоцуш х1ума ду, амма къоначаьрга ч1ог1а дегабаам бой-тур болуш а ду. Ибрах1им вон к1ант вац аьлла хета суна. Кхо долуьйтур дац, суна хетарехь, шегара иштта оьзда доцург.
— Дика ду, — резайоцуш элира вукхо, к1елд1ашхула Ибрах1име а хьожуш. — Вуьшта, райкоман секретарашна т1ечийха хьалхе ду х1окхунна а. Хаа деза, ша мичхьа ву а, мила ву а...
Ибрах1им ца кхийтира Роза Пашаевна х1ун ала г1ерта. Амма дуьхьал вист ца хилира. Шинне а 1одика а йина, чуьра аравелира иза.
* * *
Доллучу х1уманах а шен ойла хийцаелча санна хетара, хьийзачу новкъа Хойбаха хьалахахкавелла воьдучу Ибрах1имна. Уггаре а коьртаниг — даг чохь лаьтта оьг1азло, вас дикка ястаеллера. Х1ундда моьттинехь а, к1антана х1инццалц моьттинера ша цхьа г1уллакх гена а даьлла, хьалхарчу секретарана т1е кхаьчча а, иза т1ечийхаш, веза веш, шена дов деш хьийзар ву, Къосумехьа г1о а дохуш. Ткъа тахана кхунна вевзинарг — оьзда, бакъахьара стаг вара, мичча г1уллакхна а нийсо а йийр йолуш.
 «Я моттуьйтуш ву техь ша иштта ву? Ца лаьа техьа шен Къосумца долу гергарло-наш гучудаха?.. Х1ан-х1а. Хуьлийла дац партии райкоман хьалхара секретарь иштта ямарт, — шена моьттинчух эхь хийтира Ибрах1имна. — Хетарехь, эсал, амма балхо к1адвина, малвелла волчух тера ду иза. Ца хилча, муха бохур ду райкоман хьалхарчу секре¬таре «ас к1езиг а бохуш-м дацара хьуна Къосуме иза...» Хала стенна дуьйцу? Цкъа аьлча тоьар дац куьйгалхочо дан дезарг? Юха-юха дехарш стенна до? Дехарш дан волахь-м, нах эвхьаза бевллий а ма байц! Цкъа ала деза, ца дахь, кхин дехарш а ца деш, цхьа йист яккха еза. Хетарехь, воккха хилла Хьамид Сулейманович...»
Ибрах1имна долчуьнан а ма-дарра хьесап дан ца хаьара. К1езиг девзинера дахар а, адамийн амалан башхаллаш а, цхьацца юкъараллин дика а, вон а законаш а. К1орггера ойла йича-м, иза кхета а мегара районехь цкъа кху сохьта хуьлуш лаьттачух.
Район д1адаханчу шерашкахь республикехь а тоьлла ю бохуш, шарнна кара-кара лун ц1ен байракхаш а луш яра. Массо а баха-машкахь болу куьйгалхой а боьллера цхьана яздаза долчу законах: стохкалерчул продукци жимма сов яьккхичхьана, цхьаммо а х1умма а ца олура. Т1аккха район а юьйлура шо-шаре мел дели жим-жима хьалха. Дукха аьрзнаш деш, чуг1ерташ нах а ца хилча-хьанна, цхьа чолхе, хала хьал а ца х1оьттичхьана эссал, парг1ат бехийла дара массеран а, шайн са дагийна а ца хьийзаш. Иштта хьал товш дара пеней ваха масех шо бен ца дисинчу хьалхарчу секретарана а. Цундела цо ца ваьлла бен цхьанцца а дов а ца док-кхура, цхьанна а зен а ца дора. Моьттура, иштта тайна 1аро массо агГор а дика болх бохьу.
Хьалхарчу секретара шаьш меттах ца баьхча, райкоман аппара-тан белхахойн а башха д1асабийла дог ца дог1ура. Дукхаха берш цхьацца харцонаш ган а гуш, царна дог а 1ийжаш 1ара, шаьш хьал¬ха г1иртича, шайх хьаькамаш нийса ца кхетахь а, бохуш. Иштта парг1ат, цхьатерра д1ауьхура и шераш. Брежневн «застойн» шераш, аьлла, т1ехьа ц1е тиллина шераш.
Иштта кхолладелла хьал ч1ог1а товш дара куьйгана ц1ена боцчу нахана а. Масала, стохка райзаготконторан директор Хансолта веара Хьамид Сулеймановична т1е, шена г1ундалг1ин мутта даккха бакъо йоккхуш, г1о де, аьлла. Хансолтас дийцарехь, иза йол-лучу районна а ч1ог1а санехь г1уллакх дара. Хьалхарчу секретара обкоман юьртабахаман отделе а, респотребсоюзе а кехаташ дахьийтира и бакъо йоьхуш, Хансолтас дуьйцучух а тешна.
Юьрта¬бахаман урхаллин начальник а Хансолтас шена т1е верзийна хиллера. Бакъо елира, заготконторо йоккху шаьш боху кхо б1е тонн мутта вайн берриге махкахь а г1ундалг1еш тоьар йоццушехьа. Цхьа басар дара деш дерг, харц ведомасташ а х1иттош. Х1инца Хансолтин кисана дагардина ца валлал ахча 1аьннера... Шеко яца-ра, и ахча цхьаццаболчийн кхечеран кисана а кхочуш хиларан.
Амма, мухха делахь а, Хьамид Сулейманович вон стаг ца хи-ларх тешнера Ибрах1им. Даго хьоьхура, ша де эшна висинчохь шена цунах накъост хирг хиларх.
Ткъа и боьха арз... Иза-м Ибрах1има цхьана а дега хьахор дац. Лайсига муххале а.
Роза Пашаевнас шена х1оттийначу кепана а башха 1аткъам ца лаьттара к1ентан даг чохь. «Оцу меттехь зуда оьшу, аьлла х1оттий на хир ю-кх иза а. Вуьшта, цхьа оьзданиг, кхеташ ерг х1оттийнехьара бакъахьа-м дара.
Мел дукха бу вайн яхь йолуш, оьзда, божарийчул а сов хьекъал а долуш болу зударий! Барам бац церан собаран, доьналлин. Ц1ена ду церан дегнаш, ойланаш, г1иллакхаш! Лам санна тешаме накъост хуьлий д1ах1утту ша ялийначу майра-чунна. Цхьа а тайпа тешнабехк, ямартло цаьрца ца хуьлу. Хаьа шайн лаам хьулба, доьзалан дуьхьа, мел ч1ог1а цо дог марсадахарх а! Лехча карор бац кху лаьмнашкара санна, тешаме, оьзда, яхь йолуш, башха зударий! Хетарехь, цаьргара схьа ду дерриге а вайна юкъара сий, кхетам, доьналла...
Ткъа х1унда г1ерта цхьацца ерг ша йолчул а вон хила? Х1унда? Стийнан дуьхьа? Леладехьа шега шен ворх1е а дайшкара схьакхаьчна г1иллакх, оьздангалла! Изза ма ду и коммунистически мораль, нравственность бохург а! Х1унда г1ерта б1ешерийн к1оргенашкахь кхолладелла дика г1иллакхаш дохо? Х1ун телхара цуь-нан со чу ваьлча, жимма хьалаайаеллехь? Цу х1усаман нана ма яра иза. Х1ун телхара хьал-де хаьттинехь, т1ечийха ша йолаялале? Цунна-х со цкъа а вевзина а, гина а стаг вацара. Ас дикахо а дийр ма дара цо бохург, цо шех суна эхь хетийнехьара...».



Ибрах1иман ор чуьра йозанаш:


        Дукха империш кхоллалуш, юхуш эзарнаш шерашкахь схьадог1у вайн дуьне. Империш еха ца лаьтта, боху 1илманчаша. Амма и дерриге а 1илма дохадо… Китайс. Китай – инзаре тамашена пачхьалкхе ю. Китай цхьанге а йоха а ца елла, йохалур а яц. Доллачул а тамашенаг – Китайна цу тайпа тамашена кхоллам белларг цхьа стаг ву! Цхьана стага дебайна и инзаре йоккха империи, цхьана стага белла цунна иштта тамашена, ирсе, онда кхоллам! Цу стеган ц1е – Конфуций!
       Вай «философ» - альча, дийлало. Вайна муьлххачу философал а веза хета вайна къолаш деш волу чиновник, къу-банкир, церан ц1еранаш, царна хьестало вай, уьш нах хетта вайна. Цу психологис къам дакъаза доккху, къомах лайш бо.
       Ши эзар шо хьалха китайцаша дика ладоьг1на шайна юьккъера ваьллачу философе Конфуцига. Конфуцис дийцинарш башха тамашена х1умнаш а дац, амма къорггера ойла а йина, генна д1а а хьаьжна дийцина ду. Конфуцис аьлла: «ч1ог1аниг кагло, к1еданиг сатта а сете, дуьссу». И бохург х1ун ду? Нагахь къам шел ондачунна ч1аг1 а дела, дуьхьалдийлахь, къам кеглур ду. Д1асасатта хууш хилахь, дуьссур ду». Уьззу дац вайга сийлахь Кунта-Хьаьжас баьхнарг а?
       Лоруш хила беза шайн бакълуьйш болу философаш, дина дай, цара дуьйцург схьалаца деза, нагахь уьш шайн рицкъанна т1аьхьабевлла лелаш бацахь. Чиновникаш, банкираш вай лерарх, цара вайн хам бийр бац, къомана дикаболх а бийр бац. И къам охьа та1ор, къомал лакхабовла г1ортар, Дела 1ехийна а – и бу церан болх. Цундела дац и ахчанан т1ингарш я бусалбанаш а, я нах а.
       Конфуцис хьекъалца дерзо мега г1уллакхаш цкъан а девнаца ма дерзаде, - олуш хилла. Цуьнах «закон сохранения энергии» - ала а мегар ду. Вай дукха атта а, сиха а йоьтту топах ка. Вайна толам лата а ца леташ, хьекъалца баьккхича эхь ду моьтту. Цундела тахана а бу вайн лакхарчу сийлаллин терхе т1ехь инарлаш, уьш локкхагаш санна, баьсса белахь а. Вай тамаша бо улло шортта автоматчикаш а х1иттайна, мигалкашца машенаш а яьхна, арабевллачу чиновникех, церан коьртехь пхи шо кхаьчначу берин санна бен хьекъал дацахь а. Цу чиновникех тарбала г1ерта т1аккха кегийнаш а. Дас-нанас ца олу берашка, царех тардала ма г1ерта, уьш заманой, т1амой т1ебаьхна зуламхой бу. Вай, ма дара аьлча, кура бекъий ю хьалха евлча а, т1аьхьа йиссача а бен а ца хеташ йолу.
      

**
— Ас дийцинчунна т1едог1уш лаьтта х1ара х1инца? — ц1еххьана чувелира 1абдурахьман. Х1етта чукхаьчна, сада1а кечлуш воллура Ибрах1им а.
— Дада, хьо стенгара вели? Сингаттаме х1ума долуш-м ца вог1у хьо? — дуьхьалвелира  к1ант, шен дена т1ера плащ д1аяккха г1о а деш.
— Сингаттам дера бу шу х1инцалера т1аьхье т1екхиар-м, — реза воцуш яппарш йора дас. Ибрах1им кхийтира, иза цхьаъ тосаделла веаний. «Сан г1айг1а а хилла веана-кх х1ара ц1ера дуьйна хьала. — Маржа я1, дийцина хила дезаш ца хиллера ас суо райкоме кхайкхина вуьгуш цхьаболчаьрга... — шен дагахь, бехкала вахана, дена х1ун там бер техь ша аьлла д1асахьаьвзира Ибрах1им.
— Кийчча яа х1ума а ю, Дада, хьо т1ехилчахьана. Х1ан, х1ара к1архаш а бу хьуна кога туда. Хьуна со муха карий? Хьаьнга хаьттира ахь? Стенна т1ехь веа хьо? Тховса юха д1аваха-м ца г1ерта хьо? — дерриге а цхьане хоьттура г1еххьа воьхна хийзачу к1анта.
 Дена хааделира, Ибрах1им ша веана хаза хеташ хьийзий. Ша ц1ахь волуш а, некъаца хьала мел г1ерта а дан кечдина дов а юхатеттира цо.
— Говраца веа со-м нисса хьала. Машенан боцург, кхин а некъ ма бу шу долчу дуьххьал хьала. Буьйса йоккхуш-м 1ийр вац со.  Ц1а кхача дезар ду
Дена чай а доьттина, цуьнан г1ант стоьлана улло а хилийна,  ша не1арехь долчу г1анта охьахиира    Ибрах1им.

— Цхьа хабарш ма ду, к1ант, охьахезаш, хьуний, хойбахошний юккъе мостаг1алла ч1аг1дала доьлла бохуш... Аьрзнаш а яздина боху хьуна цара райкоме. Х1ун ду кхузахь хуьлуш дерг?   И хьайн амал ца хийци-кх ахь, хьастаха вайшиннан къамел хиллачул т1аьхьа а?
— Ас лелош-м дац хьуна, Дада, цхьа а мостаг1алла а аддамца а. Арз харц яздина хилар а хиира райкомехь болчарна. Со бан г1ертарг сайн болх бу. И ца бича со ца волу. Х1инца-м муххале а, нахах кхера а велла, юхаваьлла эр ду, нагахь со айса долиинарг чекх а ца доккхуш, 1адда 1ахь, — жоп делира Ибрах1има, жимма ойла а йина. Кхунна хаьара, тховса шен да ша волчу цхьа 1алашо йолуш веаний. Цундела иза тешо везаш вара ша бакъхиларх.
— Нахаца къийсавелла стаг цкъа а тоьлла вац, — чай мелла а ваьлла, дуьхьал схьавирзира 1абдурахьман. — Вон т1ом, хьуо ца тоьла волу т1ом бу ахь кху нахаца болийнарг!
— Нах реза бу ас лелочунна. Дукхахболу нах кхета со нийса хиларх. Со вац нахаца къийсалуш верг, Г1ойтамирг1ар бу!
— Г1ойтамирг1ар бу кху юьртахь уггаре а туртекхаш берш!
Цаьрца къовсалучул-м хьуна массаьрца а кхечаьрца къовсавалар г1олий яра! Г1ойтамирг1еран хьал а ду, чот а ю, лаккхарчу хьаькамашца гергарлонаш а ду. Уьш эшалур бац хьоьга! Мосазза баха деза хьоьга?! — оьг1азваха вуьйлира да, ша оццул лерана дуьйцург,  к1анта схьа ца лоцуш дог а даьтт1а.
Жимма хан елира Ибрах1им дуьхьал вист ца хуьлуш.
Арахь тийна дара. Меттаххьовш цхьана а тайпа х1ума дац аьлла хеталора суьйранна сада1а кечлучу Хойбахахь. Бода булуш лаьттара.
 «Хьажахьа, хьанна моьттура кху жимчу юьртах оццул баккхий цабезамаш а, тешнабехкаш а 1итталур бу? Хьанна моьтту¬ра хьанал болх бан волавала х1оккхул хала хир ду? Моьттура, лара ца ван кхузахь хала х1умма а хир дац...» — хьийзара к1ентан коьртехь.
— Дада, оццул осала хета хьуна со? — ц1еххьашха хаьттира цо шен дега, цуьнан б1аьргаш чу а хьожуш. Дена  атта ца карийра цу хаттарна дала ша реза воллу жоп.
— Сан метта со а воцуш, цхьа кхин хийра стаг велахьара, хьох х1уъа хилча а бен а ца хеташ верг, цо ала тарлора хьоьга: «Бакъ боху! Майра стаг ву хьенехан к1ант! Шек вер волуш вац дуьненан балхах. Иштта хила а веза къонаха!» Хьуна иза товр а дара. Амма суна хьан таханалерчу дийнан бала кхаьчна ца 1а.
      Сан а, хьан ненан а г1айг1а ю хьох кхана, лама хиндолчун! Ахь х1инца, х1окху муьрехь хьайга хьаькамаша бохург деш ца хилча, массо а хьаькаман а безам бевр бу хьох. Шайна юккъе а вуьтур вац, тарлур волуш вац бохуш. Я тешам а хир бац хьох. И ду ас дуьйцург!
     Терго х1унда ца йо ахь наха лелочун? Муьлш бу кху районехь уггаре а бехаш а, хьалдолуш а болу нах? Цхьа а вуй царна юкъахь нахаца а, 1едалца а тарвала ца хууш верг? Д1ахьажал Къосуман  шичошка — Хансолтийга, Махьсолтийга, Бексолтийга. Хьаькамашца бер-та а бахана, теттина шайна х1ума йоккхуш бохку. Я вай лелочух бешаш а бац. Эшначохь Къосумана улло х1итта кийчча бу хьуна уьш. Хир барий церан и бахам, нагахь царна нахаца а, 1едалца а тарбала хууш ца хилча?
— Дада, оцу ахь буьйцучара шайн ц1еношна гонаха йина яккхий, лекха, г1аьпнаш санна керташ гиний хьуна? — вела а къеж-на, хаьттира Ибрах1има.
— Гина! Хьан-х хир ма дац иштта ков-керт!
— Цара уьш х1унда йина хаьий хьуна?
— Х1унда йина?
— Царна массо а адамаш шайца хьаг1 йолуш, цабезамца шайн керта къерза ма-моьтту. Царна ма хаьа шаьш доккхуш долу ри-цкъа хьарам дуй нахана хаьий. Иштта болчу наха цкъачунна м1араш туьйсу, 1едална ма-барра гучу ца бовла г1ерташ а, «нахаца тарбала» г1ерташ а, ахь ма-аллара. Амма церан синош цкъа а дац парг1атехь. Цкъаделахь, атта сискал яа а 1емий, шаьш лечкъориг юхатоха де ца хуьлу церан, шоллаг1а делахь, оцу лечкъочу ахчанах кхоьру уьш. Доцца аьлча, оцу шайн ахчанан а, бахаман а лайш хуьлу цу тайпанчу нахах. Цкъа а нахах д1а а ца уьй уьш, царех кхоьруш. И тайпа хьарам рицкъанаш а суна хьашт дац хьуна, Дада. Со царех ца хьоьгу хьуна. Мел мерза а, беркате а ду хаьий хьуна ша шен хьаналчу балхаца даьккхинарг?
— Вуй! Хьо-м со кхето ма х1оьтти! Со хьалаг1ерта оьшуш а ма ца хилла кху х1уч1инч1аьлле, хьо метта х1оттаво айса бохуш! Хьоьга ладоьг1ча-м, хьол кхеташ стаг ван а ма вац кху вайн рай¬онехь а! — кхи а ч1ог1а оьг1азвахара 1абдурахьман. — Г1уллакхехь болчу нахах а хьо вешаш вац, хьал долчу нахах а хьо вешаш вац, телхина-кх хьо к1ант!.. Кхоччуш телхина-кх. Къур1анор хуур ду хьуна ас дуьйцург бакъ дуй, кхана 1уьйрре хьуо балхара а, партера а д1а а ваьккхина, кисанахь кепек а доцуш, лела ваьл-ча-м! Т1аккха т1аьхьа хир ду. Хир ду, дер! Изза а хилла мукъа висахьара хьо, цхьаммо оцу коьртах х1ума а тоьхна, охьа ца вуьл-луш
— Бакълуьйраш бац, Дада, партера а, балхара а д1абохуш берш, — г1ийлла жоп делира Ибрах1има.
— Э-э-э, деяла хьан а, хьан коьртан а! Бакълуьйш волу стаг цкъа а, цхьаний хенахь а нахана везаш ца хиллий ца хаьа хьуна? Хьаькамашна а веза моьтту хьуна бакълуьйш волу стаг? Мацах вайн наха дуьйцуш хилла цхьа кица хезний хьуна? Лоьмой, чаной, барзой сту бийна хилла. Лоьмо аьлла чане. — «Бакъо а яй, декъа х1инца кху стеран жижиг», — аьлла. Чано, шен дагахь, онддий цергаш а, ницкъ а болчу лоьме даь1ахкашца долу жижиг а даалур ду, ткъа суний, барзаний к1еданиг дика хир ду, аьлла, шаьшинна к1едачуьра а дитина, лоьмана даь1ахкашца долу жижиг делла. Дарделлачу лоьмо, т1екхетта, шен ирачу м1арашца хьовзийна чен бат ерриге а ц1ех а юзуш, аг1ор эккхийтина. Иаккха барзе аьлла лоьмо: — «Ахь дел, борз кхунах бакъонца дакъа!» — Барзо ерри¬ге а даь1ахкаш шаьшшинна а йитина, уггаре а к1едачуьра жижиг лоьмана делла. «Эх1, — аьлла лоьмо барзе, — х1ара дакъа иштта нийса дан муха хиира хьуна?»
— «Дера хиира, оцу лаьттачу чен аг1ор яьллачу муц1аре хьаьж-ча», — бохура боху барзо.
Цуьнга терра, хьуна а хуур ду хьаькамашца нийсо лело, цкъа хьан муц1ар цара аг1ор яьккхинчул т1аьхьа. Хуур ду, дер! Амма хьуна тоьлара хГинццехь ас хьайна лун хьекъал д1аэцча! Тоьлара дер! Д1анисдалайта вай х1инца мукъа. Дукха харцонаш лайна, дукха х1аллакхилла, к1ант, хьан дай.
       Ибрах1им, дуьхьал вист а ца хуьлуш, ойланаш еш 1ара. «Хьай¬на хуъург, хьайна гиннарг ду-кх, Ваша, ахь дуьйцуш дерг а. Хетарехь, соьга хьан ойла хийцалур яц. Хьуна бехк а ца буьллу ас, бакъдерг алча. Хьан заманчохь иштта хилла а хир ма ду иза. Пред седательш а, кхиболу куьйгалхой а башха дешна, шайн балхах а, 1едало шайна т1едиллинчух а кхеташ а хилла хир бац. Шайн-шайн гергарнаш Леийзош, хийранаш цабезаш меттигаш а леляйна хир ю цара. Цул сов, зама а хилла 1аламат ч1ог1а хала! Хетарехь, ишттачохь хьесталуш, мотт хьоькхуш, шен хьаькамах дела а вина лелларш балхахь жимма алсам бахлуш хилла а хир бу. Бохийла юй ткъа цаьрга, шу иштта х1унда хилла? Вуьшта, х1унда ца хил¬ла? Иза хуур дац цу заманчохь, цу нахана юккъехь ваьхна ца хиллачунна.
    И цхьадолу х1уманаш дийлийтинехь а, болх ч1ог1а беш а хилла х1етахь наха! Гена д1а стенна г1ерта, суна а дата ма дог1у, цхьа тракторрий, цхьа машенний бен колхозехь йоцуш! Берриге а белхаш а куьйга бан безаш хуьлура. Ткъа х1инца дуккха а х1ума-наш хийцаделла! Х1ора колхозхо а ву 8—10 класс чекхъяьккхина. Массарна а дика хаьа шайн бакъонаш а, шайн болх а. Ткъа говзанчаш-м бийца оьшуш а дац, къаьсттина къона говзанчаш. Дерриге а закон а, 1едал а цаьргахьа ду х1инца, уьш бакълуьйш хилчахьана! Иза ца хаьа сан мискачу дена. Шега дийцарх а, кхеташ а вац. Х1ун дер ткъа. Ла ца доыг1ча ца волу. 
— Вист х1унда ца хуьлу хьо? Мотт-м ца кхаьллина ахь? — т1ечевхира  1абдурахьман к1антана.
— Мотт-м ца кхаьллинера ас, Дада. Вуьшта, цхьа х1ума-м хаьа суна.
— Х1ун ду иза?
— Кху дуьненчохь кхоьруш ваха хала хир дуй хаьа-кх суна. Х1инца дуьйна кхера везахь-м муххале а!
— Кхера веза оьшучохь! Кхийринчун нана ца йилхина олуш ду вайн нехан кица. Майрачу нехан шахьар яц дуьненчохь цхьанххьа а, олуш а ду важа кица! Ду дер! Обарг Зеламхас х1ун аьлла хаьий хьуна, шега «Муьлха ю уггаре а ч1ог1а майралла», — аьлла хаьттича?
— Х1ун аьлла?
— Дера аьлла, «Уггаре а ч1ог1а майралла, ша тоьла воцчу т1амера вадар ю!» Аьлла дер!
— Со-м вац, Дада, суо тоьлар вац аьлла хеташ. Со ца толахь, цхьа кхиверг тоьлар ма ву. Хьаъа дина а, цхьамма дан дезаш Лул-лакхаш ма ду, Дада, со дан г1ерташ дерш. Башха со кхера оьшуш меттиг а ма яц, ма-дарра аьлча. Вайн заманчохь шена даа бепиг даккхалур доцуш аддам а ма вац!
Куьйга корта а лаьцна, стоьл т1е д1атаь1на вехха 1ийра 1абдурахьман, ша  к1анте кхин х1ун эр ца хууш. Цхьана аг1ор, шен да-гахь воккхавера цунна иштта массо а х1уманан к1орггера ойла ян хаарна, цо аддамах а кхера а ца кхоьруш, майрра ша дагалаьцнарг д1акхехьарна. Амма ца тешара, цо юьхьаралаьцна некъ иза лаза а ца веш, цо толам боккхуш чекх бер бу бохучух. Пеххьа велар а эккхаш, меллаша элира дас эххар а:
       —Ирс я1-кх иштта шена луъ-луьург а деш, шена моьт-моьттург д1а а олуш, шен хьаькам а, милла а емал ван йиш а йолуш, вахар! Сан ца хилла-кх и ирс цкъа а! Со дуккха а 1едалан белхашкахь а лелла, уггаре а ч1ог1а пирсидаталца къовсавала йиш йолчу, ревкомиссин пирсидаталан болх а бина цхьана хенахь. Сан ца хилла-кх иштта ирс. Хьуна мичара даьлла техь иза?
Ибрах1им леррина шеен ден б1аьргаш чу хьаьжира, муха ду техь кхо бохург, аьлла, ца кхеташ. Важа-м, ц1еххьашха, муха доккху а ца хууш, шен дагадеанарг гучу даьккхинехь а, х1инца юха-нехьа хьавзон волавелира:
— Атта х1ума яц дахар! Тахана «б1ов» баьхнехь а, кхана велха везаш меттигаш нисло. Цундела хаа деза къонахчунна ша лелийча чекхдендерг а, чекхдендоцург а. 1едална а, нахана а сов ваьлла стаг ша волчарна а сов волу. Ларде хьайн сий. Хьуо сов ма валий-та нахана. Цкъа дайча, и сий боху х1ума юха хуьлуш дац къонах¬чунна атта.
— Цунна со реза ву, Дада. Ма кхера хьо, ас сайн сий я дойур а дац хьуна, я Къосумг1арна а, цуьнан хьалдолчу гергарчу наха¬на а духкур а дац хьуна! Цунах ца кхоьрруш 1е шу. Вуьшта, Ваша, 1едал бохург а, Къосум бохург а цхьаъ дац хьуна, хьуна моттаделлехь а. 1едал бохург инзаре доккха маь1на долуш дош ду
Арахь 1аржъеллера. Райкоме Ибрах1им кхайкхаран хьокъехь жим-т1ама х1уманаш а хиттина, 1абдурахьман д1аваха тохавелира, буьйса а яккхе г1уо, бохуш Ибрах1им иза сацон г1ертташехь.
Да д1а а вахана, ша висина Ибрах1им, вахвелла маьнган т1е д1атаь1ира, т1ера х1уманаш д1а а ца йохуш. К1адвинера халачу дийно а, цул а халачу къамелаша а. Атта дацара стаг оьг1аз а ца вохуьйтуш, хала хетадолу дош а ца олуш, ша лелочух кхетон. Ибрах1иман цу т1ехь, хетарехь, тховса аьтту хилира. Дог-ойла ц1ена а, екхаелла а яра...

**

      Коьртара схьабоккхий шен тишбелла чола куй т1улга т1е шена улло охьа а буьллий охьахуий, генна д1а, къилбееде б1аьрг а бетташ, 1аш хуьлура къанвелла волу Къеди. Наггахь, ца ваьлла бен ца волура Къеди нахана юкъа. Цхьанна а ца гинера иза сов, эрна хабарш дуьйцуш а, шен юьртахошна луьйш а.
     Ткъех шо хан яра х1усамнана кхелхинчул т1аьхьа Къеди цхьа висина. Воккхахволу к1ант цхьанхьа-м охьахь, Теркаца веха бохуш дуьйцура, амма шен да волчу веана иза наггахь а ца гора. Жимахверг «тилла ле-лаш ву» — аьлла ц1е яханера. Цхьанна а ца хаьара билггал иза мичхьа лела. Шарахь — шина шарахь цкъа кехат-м кхочура цуьнгара, дийна ву ша, са ма гатде, олий.
      Къедийна цадезара цу шина к1ентан хьокъехь наха шега хеттарш дар.
Суьйранца д1а б1аьрг тоьхча, т1улга т1ехь хиъна 1аш Къеди ца гича, нах сагатдан буьйлалора: «Цомгуш-м ца хилла техь вайн Къеди?!»
Нехан дикане а, воне а кхача г1оьртара Къеди. Шен бан болу там бора массарна а. Дуьненан рицкъанах тамаша ца бора, я иза дебо а ца г1ертара. Х1усамехь тоам бора к1еззиг долчух а.
Шен иттех, уьстаг1а а, д1абелла, нахе мехах лелабойтуш бара цо. «Дуь¬ненан синкъерам д1абаьлла цуьнан. Къаьсттина, х1усамнана кхелхичхьана» — олура цхьаццамо воккхачу стагана. «Дера ву. Мохане ву т1аьхь-т1аьхьа» — олура вукхара.
— Обу1ели, колхозан 1ушна г1о дан вахийта стаг лаха дезаш вукха со. И цхьа къоьжа корта болу воккха стаг ма хуьлу, деш х1ума а доцуш, х1ора сарахь т1улга т1е хиъна 1аш. Иза г1ур вацара техь, цкъачунна мукъа? — хаьттинера хьастах Ибрах1има шен х1усамдега.
— Къеди вуьйцу ахь? — цецвелира Обу1ели.—Иза вог1ий хаац. Къанвелла х1инца Къеди. Бераша а д1атесна. Сий дайна воккхачу стеган. Цхьана хенахь зама текхна-м ву хьуна иза. Букъа юккъе ира а х1уттий, говр хохкура цо кху вочу ламанан басешкахула. Т1ахъаьлла к1ентий хилла мацах, стелахаьштиган суйнаш санна! Къанвелча д1адолу... Цуьнан х1ун самукъа дер ду х1инца кху дуь-ненах...
Масех дийнахь охьара хьала хьекхна шийла мох саца а сецна, г1еххьа йовха, хаза суьйре яра цу дийнахь Хойбаха еанарг. Ба-сошкахула, б1аьрг беттааш схьавог1у Ибрах1им т1е1оттавелира т1улга т1ехь хиъна 1ачу воккхачу стагана.
— Суьйре дика хуьлда хьан, Къеди, хьо хиъна 1а? — къамеле вала дагахь, т1ех ца волуш, сецира бригадир.
— Диканца вехийла, — г1ийла жоп делира воккхачу стага.
— Хаза суьйре-м ю вайна тховса еанарг.
Къеди вист ца хилира.
— Бехк ма биллалахь суна, Къеди, ас хьайга хаттарна. Стенан ойланаш еш хуьлу хьо гуттар а? Тера йог1ий техь баккхийчу нехан а, кегийчеран а ойланаш? — улло хилира Ибрах1им.
Къеди хьаланисвелира, ша т1евазвелла латтийна йоккха 1аса карахь ловза а йоккхуш:
— Хаац, жима къонаха, аш х1ун ойланаш йо. Амма, 1ехаделла шу кегийнаш. Аттонан чам бевзина шуна. Сакъерар, хахкадалар, самукъа даккхар ду шун дагахь дерг. Цундела стаг, цуьнан дог, цуьнан ойла шуна гуш а яц, деккъа ц1ена цхьа ахча доцург. И ахча хилахь, цунах аш вухкур ву-кх, ур-аттал шайн да а.   
 Цхьа дика х1ума ду, х1инца д1авоьхкича а сох ши шай а лур доцуш. Лур делахьара воьхкина а хир вара, цхьанхьа Шела, я Мартант1е база¬ра а ваьхьна.
— Иштта ма алал ахь, Къеди, к1ентий-м шайн дай ца безаш ца лелий, арабевлла, леларх. Берраш а шайн ц1ахь, шаьш бин-бинчохь севцча х1ун хир ду цунах?
— Галдаьлла г1уллакх жима къонаха, галдаьлла, — шена хетачунна т1ера ца волура Къеди. — Иза доцург а, кхин а дуккха а ду галдевлла, х1уманаш. Маржа я1, со гарамотни, йоза-дешар хууш велахьара, ас цхьанхьа д1аяздийр дара уьш дерриге а. Йоза-дешар ца хуу стаг ван а ма вац х1инца, кху заманчохь.
— Х1ун яздийр дара ахь, Къеди? — улло хилла жимочу т1улга т1е охьалахвелира Ибрах1им, воккха стаг шеца къамеле ваьлла хаза хетта.
— Дера дара ас керла законаш яздийр! — Ибрах1имна дагахь доццург элира воккхачу стага.
— Вуй! Уьш х1ун законаш хир дара? Вайн-м яздина ма ду дер¬риге а законаш а. Вайчерал дика законаш-м дан а ма дац? — ца кхеташ висира Ибрах1им.
— Тоьаш дац вайн законаш. К1езиг ду, дера ду, — шеко йоц-цуш ч1аг1дира Къедас.
— Масала?
— Масала, къанвеллачунна пеней ло, цомгашчунна дарба до, берашна бесплатна 1амадо, уьш дика законаш ду. Уьш бакъ даьхна ду. Вуьшта, 1едало иттех шарахь 1амош харж а йича, воккха хилча оцу стага 1едалан болх а ца беш, маь1-маь11ехь харц а, бакъ а, каетташ иза лелча, цуьнга шега доьшуьйтуш йина харж эрна ца хуьлу? Цунна цхьанхьа балха ваха аьтто бан ца беза 1едало?   Х1унда дац вайн иштта закон? Берриге а Къосуман нена-хой, стунцахой бу х1ара лам д1а а лаьцна, шек а боцуш, шайн жаш дажош лелаш. Ткъа х1унда могуьйту иза вайн пирсидатела? Х1ун¬да бо озабезам? Озабезамаш юкъара д1абаха, аьлла хир дара сан закон.
Хьаькамо шел лахарчуьнгара визятканаш оьцу. Шен лакхар-чуьнца дакъа до. Цу кеппара, берриш а бохкабелла бу вайн рай-онан хьаькамаш. Цундела, кхоалг1а закон хир дара вайна юкъара къоланаш, кхаьънаш д1адаха, аьлла.
— Иштта законаш дан ма ду, Къеди. 1едало могуьйтуш ма дац и ахь дуьйцу х1уманаш лелийча, — кхето вуьйлира Ибрах1им.
— 1едало ца могуьйтуш-м дуккха а х1ума а, хьаха ду. Ца до вай 1едало бохург. Цундела доьалг1а закон хир дара, кху 1едало де бохург цадинарг, кху пачхьалкхера д1аваккха, аьлла!
— Кхечу пачхьалкхашна а ма ца оьшу, Къеди, вайн къуй. Церан шайнаш а ма бу шортта, — велакъежира Ибрах1им, — цун¬дела вай чу а вуллу, арахь яккха хан а туху, нисва ма г1оьрта вай вешан галваьлларг... Нислур вац. Къу нислуш вац цхьаьцгга а, нагахь иза хьарам рицкъа хьарам хеташ вацахь. Олуш хезний хьуна, кхин ядо х1ума ца хилча, урамаюккъехь шен коьртара куй охьа а тосий, д1а а, схьа а хьожий, и куй чета а буллий, воду къолаш дан 1еминарг? Цундела дин хила деза лелош. Хьаькаме, и х1отточу дийнахь къура-на т1ехь дуй баийта беза, ша къолаш а дийр ма дац, кхаьънаш а оьцур ма дац, харцонаш а лелор яц, Советан 1едало шега де бох-хург а дийр ма ду, аьлла.
— Вуй! Къеди! И х1ун ду ахь дуьйцург? Къуранна т1ехь дуй муха буу коммунисташа? Ахь дийцарехь-м, т1аккха бусалба стаг бен хьаькам а хир ма вац?
— Ас-м ца боху хир вац. Бен а вац хьаькам, бусалба а, керста а. Вуьшта, цхьа дин долуш хила веза. Цхьана х1уманах кхоьруш, озалуш хила веза стаг. Цхьаъа а дин доцу стаг кхераме стаг ву. Цунна эхь дац х1уъа дан а, х1уъа лело а. Динах кхоьруш воцу стаг кхераме стаг ма ву. Динца вон ийг1ина х1ара 1едал. Кхуо дин ле¬лош делахьара, кхул дика 1едал дан а дацара!
—   Массеран а цхьатерра бац кхетам. Х1ун де т1аккха. Алссам болх бийр бу-кх вай, и кхетам совбоккхуш.
— Бийр бу, х1инццалц бинарг... — ца вешаш, эккхийтира Къедас.
— Хойбахахь-м к1езиг х1ума хийцаделла. Иза бакъ ду. Вуьшта, хьоьжуш 1елахь, Къеди, хийцалур ду хьуна кхузара дахар а, иттех шо а далале ! Ца хийцадала йиш а яц!
— Хьовсур ду-кх, цу хене вай довлахь.
— Къеди, могашалла муха ю хьан? Колхозан жа т1е, я гов-рашка хьажа ван карах дер дацара хьан? Ас иттех туьма алапа а х1оттадойтур ма дара хьуна, — цхьа ларамаза элира бригадира.
— Айса а ойла йинера ас цуьнан, — элира Къедас. — Сингаттаме ду цхьана висинчу стагана. Вуьшта, могашалла хастаме яц. Сох накъост хуьлий хаац. Хала ма ду дохнаца лела. Дийнахь а, буса а ирахь, сема хила веза. Бакъду, дохнаца болх муха бан беза хьеха-м хуур дара суна хьанна а, мичча хьаькамна а...
— Муха?
— Дера ду иза, жима къонаха, дийнна 1илма! Буц яьлла-яьллачу жа а, даьхний а т1елахкар тоьаш ма дац. Дукха ширачу заманчохь дуьйна вайн генарчу дайша кар-кара луш схьадеана 1илма кхоччуш дицдина вай х1инца. Лар т1ехь мел доцург леладо.
— Масала?
— Масала, тракторш хьийзайо цанашна т1е. Айхьа динарг дика х1ума ду моьтту хьуна? Хьажалахь, айхьа трактор мел хьийзаяйтинчохь юха шарахь яраш а, къух а долуш! Буц ер яц хьан цига, хьалха санна.
Ибрах1им г1еххьа кхуьйлира. Кхунна шена а дагадеанера: «Дернина талха-м ца йо техь езачу тракторийн гусеницаша...».
      - Шайн латтанех ма-хуьллу алсам пайда ма оьцу, Къеди, дикачу дайша. Вай-м цу т1е шашах йолучу бецах пайдаэцна 1ийр ма дац. Шера-шерачуьра майданаш аха а охуш, керла бецаш юьйр ю. Лаккха цу т1ера шарахь шозза, я кхузза йол яккхар хир ду. «Коренная обработка почвы» олу цунах оьрсийн маттахь. Тоьллачу бригадашкахь зийна ма ду, ишттачу латтанаша гектара т1ера ша¬рахь ткъа а, ткъей итт а тонн докъар луш хилар? Вай х1инца гек¬тара т1ера, дика эцахь, кхо-йиъ тонна бен ца оьцу.
— Хаац суна, к1ант, ахь дуьйцург х1ун ду-м. Вайн дайшна сан¬на кху лаьмнийн пусар дан-м ца хаьа х1инца цхьанне а. Х1окху, вайшинна б1аьрг тоъхча гуш йолчу к1айдарга т1ехь кхо-йиъ юрт, ткъа-шовзткъа к1отар хилла мацах. И дерриге а адам а кхобуш хилла кху лаьмнаша. Х1инца сий а, пусар а дац. Курадевлла ада-мийн дегнаш. Атта деза массарна а. Цу т1е цецбуьйлу, х1унда даз-делла базарахь жижиг, даьтта, бохуш.
— Иза-м нийса боху ахь, Къеди.
— Боху дер. Х1ара лаьмнаш хьалха муха лелийна хаьий хьу¬на? — юха а ша хьалха дийца г1оьртинчунна т1е веара Къеди.
— Муха лелийна?
— Ладог1ал, делахь. Х1ора бажа бажон куп цхьайтта декъе йоькъуш хилла. Царех исс куп бажа а, уьстаг1ий а, говраш а, дер¬риге а даьхний а дажош хилла, ши куп рог1-рог1ана, кхаа шарна хоьце юьтуш хилла.. Массо а тайпа даьхний шайн-шайн рог1ехь лохкуш хилла цу каппашна т1е. Уггаре а хьалха куьпа т1е дохуш хилла хьелий, т1аккха дуьхьаргаш, т1аккха кхарагашший, ши-наршший. Массо а куп а билгалъеш хилла: мичхьа дажон деза уьстаг1ий, гезарий. Шен меттиг хилла говраш яжош, эмалкаш лох¬куш. Х1инца санна т1е бен а боцуш бажа а лохкий, ятош ца хилла цанаш. Массо а тайпа буц евзаш хилла. Х1ун яьжначохь х1ун ца ежа, я ежа хууш хилла шерра. Вайна моьтту вешан дай 1овдалш хилла. Ца хилла, хьаха. 1овдал хиллехь-м, кху лаьмнийн ч1ожа-нашна юккъехь б1еннаш, эзарнаш шерашкахь баха а лур ма баца-ра. Х1инца-м лийр вара кхузахь кхо-виъ б1е стаг а, шаренга ца бовлуш, охьара хьалакхоьхьучуьра дама а, шекар а сацийча.
Луьйчуьра сецна, г1еххьа хан ялийтира Къедис. Ибрах1им цо дийцинчун ойла еш лаьттара. Иза ч1ог1а тамашийна хетара цунна. Воккхачу стага дийцинарг дан а дара дийнна 1илма! Муха ницкъ кхочур бара техь и 1илма карладаккха? Къедина шена хуур дарий техь и каппаш мичхьа, муха д1асаекъна хилла?».
— Къеди, иза дерриге а ма-дарра дийца хуур дарий хьуна? Ас д1аяздийр ма дара иза, диц ца далийта.
— Массо а мехкашкахь а шайн-шайн ма-хилла и каппаш. Зуьр-хойн шайн, ч1инхойн шайн, садойн шайн, ч1ебарлойн шайн, ч1аьн-тон шайн... хьанна хуур ду х1инца уьш карлаяха? Бецаш а евзар яц. Охьарчу колхозашна, совхозашна дГадекъна ма ду латтанаш.
Уьш каппаш ларъеш, я бецаш къестош декъна ма дац. Шайна дага деъча, т1е даьхний хьийзадо, шайна лаахь, уьстаг1ий хьийзадо. Коьллаша юькъна йовлуш лаьтта дукхахйолу цанаш, дежийлаш. Церан бала болуш а аддам а вац. Вайн дай дог даьтт1а лийр бара х1ара х1ума шайна гуш хилча.
Къедин дуткъа, къена аз дегадора. Ибрах1имна ша цхьа сонта ойла йолу шинара хийтира воккхачу стагана хьалха. Хийцаеллера, ша т1евог1уш хилла йоккха ойла...
— Хьуьна юккъера, боьранашкара шач, къух, дерриге а лах хьадой хьокхуш хилла вайн дайша. Иза уггаре а хьалха даош хил¬ла, т1уьна долуш, хьеделча дахкалуш хилла дела. Иза эдеш а ца  хилла цанаш т1ера яьккхинчу алах.
 Малхбасешкара йол уггаре а халачу, чилланан, я мехаш хьоькхучу ханна юьтуш хилла. Цхьаьна а тайпа хьаьрдаш эрна йовш ца хилла. Хьаьвдешна уггаре цхьатерра ду...а бухара схьаэцна х1уманаш яхьа а хьой, эмалкашна тосуш хилла. И эмалкаш к1елх1иттайой, лабанаш хилла. Кдин цхьана а тайпа, баттахь цкъа-шозза б1аьрга 1уналла дар бен, 1алашъеш а ца хилла уьш. Уггаре а майра, каде волчо бен лоций, ялош а ца хилла и эмал¬каш, хьашт хилча. Вайна х1инца говр кхион а, 1алашъян а ца хаьа. Говр 1алашъяр а, гомаш 1алашъяр а цхьаъ ду моьтту…
«Х1ара дика кхетар вар-кх сох, ас дан дагалаьцначух. Кхунах хир вар-кх суна накъост — х1ундда деанехь а, дагадеара Ибрах1имна,   — маржа я1, к1еззиг ханна жимо-о мукъа велара х1ара».
— Ахь х1инца дийцинарг дукха пайдехь х1ума ду, Къеди. Цу заманчохь иштта бен бахалур а ца хилла нах. Вайна тахана а дуккха а пайдехь дерг доллу цунах. Делахь а, х1инца вайн ницкъаш кхин бу. Белхаш, куьйга ца беш, механизмашца бар а мехала ду, куьйга беш санна 1аьвшшина ца нислахь а. Вуьшта, айса дан дага¬лаьцначух дага вер вара со хьох, Къеди.
— Дийцал, х1ун ду иза?
— Хойбахойн 1ер-дахар а толур долу х1ума, колхозана санехь а хиндерг...
— Иза дар-кх суна луу дерг а.
Ибрах1има дехха дийцира воккхачу стаге шена Хойбахахь фермаш яхка лаар, латта лелоран болх тоба лаар. Некъаш дахка, электричество ялаяйта лаар. Дийцира, цхьайолчу к1отаршка нах юхабалор шена санехь хетар.
Къедин б1аьргаш, жимчу стеган санна къегара. Цуьнан хебаршка яханчу, жимчу, озачу юьхьа т1ехь велаваларан моха шершира:
— Маржа я1, жима къонаха, со валале хир дац техь ахь дуьйцург?
Цуьнан хаттарехь цатешар алсам хийтира Ибрах1имна, лаамал а.
— Хир ду дер! Хьо-м т1ахъаьлла стаг ву х1инца а! Хьоьга-м х1инца а хахкаяла мегара говр т1ехь ира а х1оьттина.
       - Ас ирахь говр хохкур моьтту суна, ахь бохург т1е а эцна, къосумг1ара цунах има а, беркат а хилийтале-м...
— Хуьлуьйтур ду, вайна лаахь-м!
— Мича «вайна»?
— Вайна, массо а нахана. Хьанал ойла мел йолчунна.
— Барт хир бац вайн.
— Х1унда?
— Къосум цхьаъ ма вац. Цо кхуза сакъера хьала валонза ви-сина цхьа а хьаькам вац, схьахетарехь. Цара мел мелла къаьркъа кху басах чу 1анийча-м, дистинчу хе лаха чуьра Бахтин хьера д1а-хьур яра!
Ибрах1им велавелира:
— Къеди, цхьа х1ума де вайшимма? — элира цо жимма соцунг1а а хилла.
— Х1ун ду иза?
— Юург ян а стаг вац шайн, бохуш хала бохкуш бу вайн жа1уй. Стех1ума царна т1е балха яха а ца йоьду. Ахь царна юург-мерг а латтош, мичхьа, муха дажо деза а хьоьхуш, х1ума дича 1аламат доккха г1уллакх хуьлур-кх суна. Х1инца жа ломара Терка-йисте охьа дуьгуш, хьайна лаахь, цаьрца охьа а г1ур вар-кх хьо, дехачу 1ай кху ц1ахь хьуо-о 1ачул...
— Дера, хьуна ма-дарра хаа лаахь, со г1айг1а йолуш-м вара кху т1едог1учу 1ай суо цхьа виссаран. Цхьа а х1ума дац стагана т1е дан, ша цхьаъ висарал вон. Дала ма вуьтийла хьо цхьа, къа-налла к1елвисча, муххале а... Цхьа-ши шо хьалха-м к1анта а дера баьхнера соьга охьавола ша волчу 1ен-ваха. Х1етахь ца вахавели-ра со. Гуттаренна а-м ваха а лур вацара. Вуьшта, х1инца ахь ма боххура, 1а даккха... аьхка юха хьала а вог1уш — иза мегар дара. И к1ант ву бохург а хир вара, вон-дика 1оттаделча уллохь. Воккха хилча д1адолу... Воккха хилча са а дуткъло. Воккха хилча, тиш-велча оьшу стагана уллохь доьзалхо. Яхь ца луш, д1а-м текха. Хуур дац иза стагана дийцарх, цкъа шена т1е ца х1оьттича...
Къедин б1аьргаш т1унделира. Ибрах1им кхийтира х1инца ша кхунна т1е веана а, вистхилла а, тергойина доккха г1уллакх дина хиларх.
— Шек а ма вала хьо, Къеди. Ас цхьа х1айтъаьллачу к1ентех д1атухур ву хьо. Ахь царна дан оьшучохь хьехар дичхьана, цара ницкъ хуьлуьйтур бац хьуна. Шайн да санна лелор ву. Со а кхочур ву хьо волчу кест-кеста.
— Дела реза хуьлда хьуна! Дала хан яхйойла хьан! Дала догдика дойла хьан!.. Ахь х1умма а ца дахь а, дешан там-х бин ахь суна. Воккхачу стагана дукха х1ума ца оышура, маржа я1...

* * *
       Суьйре яра. Лайса ган сагатделлера Ибрах1иман. Ша Къедин 1одика а йина, юьрта йисттехула хьалавог1уш, б1аьрг беттара цо школа а, школана уллохь Лайса чохь 1ан ц1а а долчу метте. «Хааза дисахьара Лайсина и боьха арз. Хаахь-м йоккха юьхь1аьржо, боккха бохам бу иза! Мила, х1ун ж1аьла ду те и яздинарг?!!» — дог эт1ара. Амма суьйре а, Хойбаха а, дерриге дуьне а хаздинера мерзачу ойланаша.
«1алур вац тховса и ца гахь», — сацийра к1анта.
 Бер дахийтина, араяьккхира йо1. Лайса, хазахетта, йоккхаеш хьаьвзира к1ант гича. Цо иза лечкъа а ца дора.
— Лайса, хьо мокъа юй? Долалой, цхьа жимма го баккха вайшимма? — элира к1анта.
— Со х1инцца схьайог1у хьуна, т1е х1ума а юьйхина.
Сахьт гергга хан яра къона шиъ доладелла лела. Гонаха дерг дерриге а цхьа туьйра, ирсен г1ан хетара. Вовшашка х1уъа дийцича а, самукъа долура.
 Лайсас буьйцура шен болх, шен керла накъостий. Ибрах1има воккхавеш ладуг1ура. Ойланца хьоьстура цуьнан х1ора амат, х1ора меже. Ц1еххьана, ойла а ца еш, эккхий-тира цо йо1е:
— Хьо ю-кх со марсавохуш, парг1ат ваха ца вуьтуш ерг!
— Со ю? Муха? — ца кхеташ, цецъяьлла, цуьнга хьажийра йо1а шен боккха сийна ши б1аьрг. Т1аккха бен ойла ца йира к1анта шен багара схьалилхинчу дешнийн.
— Хьо гича сайх цхьа нартаьрстахо тарло-кх суна. Х1ара лаьмнаш а цхьа семса лаьттан баьрзнаш хетало. Хаац, г1оьнна, къинхетамна йовзийтина хьо суна Дала, я балина...
— И ма тамашийна къамелаш ду ахь тховса дийраш… - йо1 йоьхна йисира.
 — Бехк ма биллалахь, Лайса, ас иштта эвхьаза забар ярна... – кхийтира к1ант шегара яьллачу ледарлонах.
Йоь1ан к1орга саде1арехь, б1аьргаш къегарехь, са мел доккху леккха хьалаийалучу накханах хаалора цуьнан синтем экха хааделла лу санна къаьхкина хилар. Амма и синтем байинарг кхерам, цабезам боций хаалора к1антана.
Цхьа тамашийна, х1инццалц цкъа а ца евзинчу кепара ойла яра йо1ах хьерчарг. Цкъа делахь, иза нехан, генарчу эвлахь ша цхьаъ, уллохь гергара стаг а воцуш, хилар дара, Ибрах1имна иза шен йиша санна, уллора таръялар. Шоллаг1а делахь, х1ора де мел дели хаалора к1антана, шен дог-ойла жим-жима, ерриге а цу йо1а д1алоцуш хилар.
Ойланехь ша¬шена ч1аг1дина а, йо1е хьахийна а х1умма а доццушехь, даго хьоьхура к1антана ша цуьнах къасталур воций, шаьшшиннан кху ламанан ширачу юьртахь вовшахкхетар эрна доций.
  Йоь1ан лелар а к1ентан амалца, цуьнан кхоллаеллачу ойлан¬ца ч1ог1а дог1уш дара. Шерра гуш дара, Лайсин эвххьаза юьстаха йийлар, к1антах ца къехкар амал сонта хилар доций. Мелхо а товра Ибрах1иман дагна цо шеца цхьа а тайпа моттарг1анаш ца лелор. Гуш дара, т1ехьаьжна тийна, эсала елахь а, йо1 шен кийра буьззина яхь а, оьздангалла а йолуш хилар.
      Ибрах1имна тховса юха а дагадеанера йо1е да-нана, гергарнаш хатта. Т1аккха а 1адда 1ийра, шен хаттарх иза нийса ца кхетахь а, аьлла.
      Масане даггдан тарлора. Олуш ма ду, цхьацца декъазчара: «Шен шортта нах а, йиша-вежарий а болуш йолу йо1 стенна хьажийна кху ломан ч1ожахула хьала?» Я «х1унда яийтира лома хьа-ла ша-а цхьаъ, хазалла яла йоллу йо1, уллохь стаг а воцуш». Я ишттаниг ала а тарлора: «Х1унда 1а ц1еранаш т1аьхьа ца бог1уш, х1ун ю а ца хуучу Хойбаха йо1 хьала а хецна?»
Цу доллучух а кхетара Ибрах1им. Цу доллучо а дог 1ийжадора жимачу йоь1ан. Амма цаьршиммо вовшашка цунах лаьцна х1умма а ца олура.
— Тоьар ду. Со кхин д1а ца йог1у. Юха г1о вайшиъ? — элира йо1а, забарна т1ера д1а а доккхуш.
И шиъ юхадирзира.
Лахахь, к1оргачу тог1ийчохь, суьренан малхо серла а яьккхина, хин юткъа аса 1уьллура. Мажделла, охьаэгначу хьаннийн г1ашна юккъера схьадуьйлура цхьа ц1ена, буьйда, акха х1уо. Юьртан г1овг1анаш  геннахь, гул т1ехьа яра.  Шаьшшиъ дара Ибрах1иммий, Лайсий комаьрша д1асадаьржинчу акхачу 1аламан марахь.
Лайсин хьийкъкна сирла месаш белшаш т1ехула охьаяьхкинера. Товш дара готта, дайн тиллина йовлакх. Йоь1ан юткъа г1одаюкъ, дег1ан куьцехь меженаш 1орайохура готтачу, куьцехь йинчу кучо.
 Бай боккхура цо шен к1айн когаш х1етта цана хьаькхна, керла хьала къеддачу къоначу баца т1е.
 Дог детталора к1ентан х1инца. Кегамерсачух лаьцна къамелаш ца далора. Лаьара уггаре а коьртаниг уггаре а доккха маь1на дерг дийца.
К1ентан дагахь дерг хаалора йо1ана х1инца иза вист ца хуьлуш варехь а. «Вон еара со кхуьнца х1оккхул гена, ойла а ца еш», — дагадеара цунна. Вуьшта, к1антах болу тешам ца байнера. Цо йоккхаейора, къона дог деладора. Мел ойла ярх, кхин ала х1ума дага а ца деана, Ибрах1има элира:
— Лайса, маца х1ун нислур ду-м хаац. Ас цуьнан хьо йовззалц ойла ца йинера. Хетарехь, вайшиъ цхьана ца хилахь, сайн вахар хир моьттуш вац-кх со...
— Кхин меттиг ца карийра хьуна соьга и ала? — сихха хадийра йо1а и дешнаш.
— И бохург х1ун ду?
— Кху эрна арахь, вайшиъ ваьшша долуш х1унда боху ахь иза?   — сихдира йо1а шен болар.
— Лайса... со 1а-м ма ца вели хьоьга и ца аьлча... суна кхин дешнаш кара-м ма ца ди...
— Сан бехк бу. Сан!  -  Цо шен болар сихдира.
         - Лайса,  хьо нийса кхеталахь! — юьхь1аьржа х1оьттира   Ибрах1им.
        Лайса, схьа а ца хьожуш, д1айоьдура.
        Ибрах1имна тамашийна хийтира цо лелориг. «Соьга цхьаъ ала а лууш, ала а ца х1уттуш, лела техь х1ара? Х1ун хир ду ишттаниг? Ванах, марехь хилла ю техь х1ара... Хилча а х1ун ду, х1унда лечкъадо сох дерриге а? Ца теша? Хийра хета? Ткъа х1ун дийр дара техь, хийра ца хетийта? Муха тешор яра техь сайх?»
      Д1акхочуш Лайсас шен болар г1еххьа лаг1дира.
— Лайса...
— Ибрах1им, кхин х1умма а ма дийца вайшимма? Дика дуй? — дийхира йо1а. Цуьнан даккхийчу, т1уьначу б1аьргаш чохь беттан нур сегара.
— Лайса, х1унда ма дийца? Со кхетавехьа. Ас хьоьга ц1еххьаш-ха дагаваьлла хоьттуш ма дац х1умма а. Суна хьо сайна дуьххьа-ра гушшехь ма хиира, сайн хьох вала йиш йоций. Х1унда къаьхки хьо сох, ас сайн дагахь дерг ма-дарра дийцича? Со чам боцуш, я ледара хета хьуна? Я ца теша хьо сох? Я— я цхьа кхин 1алашо ю хьан?
Йо1, йист ца хуьлуш, лаьттара.
— Х1инца, ас сайн дагахь дерг хьоьга дийцина хилча, суна халахо а хир ма ду, хьан дагахь дерг ца хиъча...
— Вайшинна вовшех лаьцна х1умма а ма ца хаьа. Сихвала везаш ма ца хиллера хьо, соьга ишттаниг ала... — меллаша хазийра  йо1а.
— Сихвелла хила мега со. Иза бакъ ду. Вуышта, хан ялийтина х1ун до, суна сайн дагахь дерг ма-дарра хууш хилча? Суна хьох лаьцна х1умма а хаа а ца лаьа-кх, доцца аьлча! Суна тоьаш ду-кх хьо йовзар! Суна ца оьшу-кх кхин диканиг а, кхин вониг а, х1инца хьо саннарг бен!
     Ткъа со... со вовзар хьуна ца тоахь, ас кадрийн отделера сайн учетан листок а, автобиографи а, характеристика а, дипломан копи а, три-на-четыре суьрташ а схьадахьар ду-кх хьуна!
— Ца оьшу...
— Х1ун ца оьшу?
— Суьрташ дан. 
— Х1ан-х1а. Суьрташ хаза девлла ма ду, кхо шо хьалха, со къона волуш даьхна.
Ио1 къенжира. Ибрах1иман а самукъа делира.
— 1о дика йойла! Со д1айоьду...
— Иштта сихий?
— Сиха а дац. Урокашна кечам бан дезаш а ю со. Бехк ма билла, ас хьайна хала хетийтинехь.
— Ахь жоп-м ма ца дели, ас хаьттинчунна!
— Сихо дика яц. Замано гойтур ду дерриге а...
Буьйса юкъал т1ехъяьллера. Транзисторни радиоприемникна чухула «Маяк» радиостанцис «Москвахь буьйса юккъе яхана. Т1едеа 25-г1а сентябрь», — аьлла схьахаийтина а сахьт гергга хан яьллера. Наб ца кхеташ, Лайса дуьхьалара д1а ца йолуш, 1уьллура Ибрах1им. Доллучу а дег1ах, ц1ийх йоьллера мерза ойла...


Ибрах1иман ор чуьра йозанаш:


      Вай х1унда кхоьллина сийлахь везачу Аллах1-Дала кху дуьненчу? Х1ун ю, муха ду х1ара дуьне (Вселенная), кхуьнан йист, барам, кхолладаларан а, кхачо долу а хан. Х1ара дерриге а кхоьллинарг адаман кхетамна сурт х1уттучу кепара цхьа ницкъ белахь, хьан, муха, х1унда кхоьллина и Ницкъ? Мила ву и Ницкъ кхоьллинарг а?
     Иштта д1а, йист а, доза а доцучу к1оргене дахьо ойланаша муьлхха а стаг. Дукха наха дитина йозанехь цу 1аламатех лаьцна шайн йозанаш. Цуьнах - философии (1арбийн маттара фасафи) олу.

     Дукха бевлла мацах а, кху заманчохь а массо а къоман а философаш. Философех а, динах а идеологиш а еш, адамийн синош т1ехь олалла (власть) кхолла г1ертарш а хилла гуттара а тохара а, х1инца а. Х1унда аьлча, адамийн синош йийсаре дар – иза угаре а ч1ог1а олалла (власть) кхоллар ду. Цундела доху наха юьккъе керла – керла динан гараш, сектанаш, вирдаш.
      Далла безначу, Дала шен ц1арах, шен лаамца къобалбина хиллачу пайхамарша дитина хилла бусалба дин кегадеш, къарздеш, шаьш пайхамаршна улло х1итта г1ерташ къахьоьгу цхьаболчу наха. Царна юьккъехь ойланаш ц1ена ерш а, боьха ерш а хуьлу, амма массара а дуьйцург а дош дац, нагахь цара дуьйцург шайн сийлахь везачу Аллах1 – Делаца цхьа ша-тайпа, кхиболчу нахал къаьстина къайленаш ю а бахахь, цара шаьш шена дукхадезарца Дала къастайна ду а бахахь.
      Дела цхьаъ а, пайхамарш бакъ а беш болу нах бекъа а луш, вовшашца къийсабала декхара бацара, дикачун, мелехь долчун т1ехь бен.

     Ша вуй хаа кхетам а, ша бохург х1уду хаа эхь-ийман а делла, д1атийсина техь сийлахь везачу Аллах1-Дала адамаш, бобераш санна? Хьенах  теша деза вай, ша Аллах1 – Делах, я шаьш цу Делан ц1арах, Делан лаамашца лела бохучарех?
     Иза – угаре а коьртаниг ду.
     Шен Къор1ана чохь сийлахь везачу Аллахь – Дала боху, шенай, адамашнай юькъехь юькъарчалла лелон г1ертачех, шена улло д1ах1итта г1ертачех ма теша, шех а, ша бахкайтинчу пайхамарех а теша. Т1аккха декъадала, вовшашца мостаг1алла лело г1ертар дац адамаш, вовшашна т1ег1ертар ду, вовшашна юьккъехь уьйр – безамаш латто хуур ду.

     Юькъарчалла лелочара доькъу адамаш. Сийлахь везачу Аллах1-Дала а, цуьнан пайхамарша а т1етт1а узу, вовшах туху, вовшашна юьккъехь уьйр-безамаш, тешам, нохчалла латтадо.
 
    Тахана 1илма дебаш-ч1аг1даларан болар инзаре сихделла. 1илманан дай, Делан пурбанца, Делан лаамца адаман х1оранан а шеен-шен бен йоцучу, х1оранна а Дала шена-шена къаьстана еллачу геномана т1аьхьа кхиъна. Генийн инженерица, нано-технологешца муьлху а 1аламехь дийна х1ума хийца а, вовшехьэян а, эшахь къастамашца х1аллакъя а 1емина. Х1унда бела Дала и ницкъ адамашна кху ша сихбинчу муьрехь? Адамашка вовшен х1аллакдайта, я адамийн 1ер-дахар кхечу т1ег1анаш т1е даха? Цу хаттарна къастам бен берг адамийн кхетам а (разум) адамийн эхь-ийман а (совесть) ду. Цунела адамаш шайн кхетамах а, эхь-ийманах а къасто г1ерта Йилбаз. Йилбаз кура даьлла. Цуьнан кара инзаре дукха ахча кхаьчна. Ахчанца дерриге дуьне а шеен дола дерзо г1ерта Йилбаз,шеен карара кхи цкъа а д1а а ца далийта.
     Цундела х1инца и шеен ахча, рицкъа къайлах бечу 1илманан талламашна т1е берзийна Йилбазо. Ца берзийна цу 1илманан иймен а, беркат а дуьненчохь дебийта. Дерзийна шайх дуьненан деланаш дан г1ерташ.
     Цхьа повесть ю оьрсийн фантаста Беляевс язъйина, «Х1аваъ духкург» (Торговец воздухом) – ц1е а йолуш. Цу повеста т1ехь цхьана зуламе профессора доллучу дуьненчуьрчу х1аваэх горгалаш (шарикаш) йо, и шарикаш шена луучунна бен д1а а ца луш, дуьненан эла хила г1оьрта иза. Цуьнга терра дуьненчуьра дерриге а ахча, рицкъа, 1илма шен кара а дарзийна, доллучу а дуьненчуьра адамаш шен лаамна к1ел дерзо г1ерта Йилбаз. И дан цуьнан аьтто бер бу дуьненчохь Делах тешар, эхь-ийман толар революцин кепехь хийца ца лахь. Иштта боху тахана дуьненан массо а маь11ехь кхеташ болчу наха.
     Цу шен адамаш бердахдуьгучу новкъахь х1ун, мила, муьлуш бу Йилбазана новкъа? Шеко йоццуш цунна новкъа цхьаъ бен воцу сийлахь воккха Аллах1-Дела а ву, цо бахкийтина хилла пайхамарш а бу. Цундела хазахета Йилбазна адамаша шайн дин дакъошка доькъуш, дин д1асаийзош, вовшашна юьккъехь гамонаш лелош, т1емаш беш и шайн дин адамаша пайдабоцчу даккха г1ертош. Цундела а дуйте бусалбан пачхьалкхешкахь т1емаш, цкъан а д1а а ца доьрзуш, цкъа цхьанхьа д1адийлалуш, т1аккха вукханхьа марсадуьлуш?
     Цу долачун а бала а кхаьчна ойла йича боккъала а шайн Делах а, пайхамарех а тешаш долу адамаш декъадала а ца г1ерташ, вовошашна т1етт1а г1орта дезара, аьлла, хета. Цкъа хьалха бусалбанаша а, керстанаша а шайна юьккъехь барт бан безара, т1аккха бусалбанаша а, керстанаша а, доллучу а Ибреим (Авраам) бакъвечара, иудеяша а цхьана, шайна юьккъехь. И барт хир бац дин лелочу чиновникашка х1оранга а шега-шега ладийг1ахь. И барт и дуьненан динаш схьадийладеллачу хьостахь, юьхьангахь, вай дерриге а цхьа йиша-ваша а долуш, вайн да цхьаъ хиллачахь бен карор бац.  И юъхь – Нохь – пайхамаран зама, Нохь – пайхамаран латта, Нохь – пайхамаран весет ду. Нохь – пайхамар ву вайн массеран а да. Нохь – пайхамаран бераш ду берриге а цул т1ехьа хилла пайхамарш – Муса, 1иса, Дауд, Салман, Мохьаммад, Делера салам – маршала хилла царна массарна а.

     Нохь – пайхамар волчу юхадерзар бен, кхи некъ бац адамийн кху дуьненчохь вовшашца барт а хилла, юьхьк1айча а долуш Къематан дийнахь сийлахь везачу Аллахь – Далла дуьхьал х1итта. Буй дуьненчохь Нохь – пайхамарна т1ера схьабог1у некъ, Нохь-пайхамарна т1ера схьадог1у т1ерехьат? Ду! Цуьнах Нохчалла олу!
 

 
Ибрах1им ц1авеана аьлла хезна, керта веара цуьнан лулахо, лор Сайд-Мохьмад.
— Х1ей, нах, чохь дуй шу? — геннара мохь туьйхира цо ша кел чоьхьа воллушехь. Шен карара книжка дивана т1е охьа а кхоьссина, дуьхьалвелира Ибрах1им.
— Схьавола чу, кебертера мохь а ца бетташ. Ж1аьло лацарна-м ца кхоьру хьо? Суначул а дика ма хаьа хьуна кху кертахь «г1алх» олуш х1ума йоций.
— Оссолом 1алайкум! Ж1алех-м дера ца кхоьрура со. Хьо ц1а веана бохург бакъ дуй хьажа г1ертара-кх.
— Ва1алайкум салам! Бакъ ду. Схьавоьлла цкъа. Чоьхьа-ваьлла. Дукха хан яра ас хьуна «мат» йиллаза.
    - Суна «мат-м» дера юьллур яцара ахь. Хьуо к1отарахь масех к1ира а даьккхина ц1авеъча, хьайн хьекъал т1екхетта-м ца моьтту  хьуна?
      Ши накъост доггах мара кхийтира.
          — Делан дуьхьа, ма дика ду хьо мукъана а ц1а веана! Сагатделла, мича эккхар ца хууш, хьаьвзинер-кх со. Х1ара нах а бу цхьа тамашийна. Цкъа цомгуш хила буьйлалахь, буха ца боьрзуш, дий-нахь а, буса а хьийзаво. Т1аккха «тап-п»  олий д1асовцу, барт бича санна, — шен когара к1архаш охьа а тийсина, чоьхьавелира Сайд-Мохьмад.
— Дарбанаш Хойбахарчу М1очус санна леладел ахь. Сагатлур дац хьан, — велакъежира Ибрах1им.
       - Иза мила ву? Шун фельдшер-м вац иза?
— Вац. Мацах заманчохь хилла цигахь х1уманаш хуу цхьа стаг. Цкъа цхьа жима зуда еана хилла цуьнга шена дарба дайта. М1очу ваха а вахана, цхьана хьаштдоцчче ма кхевдина... «Вуй-вуй! Д1авала, цигахь ма яц сан лозург!» — мохь баьлла зудчун. «Кху-захь и яцахь а, кхузара дуьйнна д1адолон дезаш ду дарба! Г1ов-г1а ма е, хьайна цахуург а ца дуьйцуш, 1адда1е!» — т1ечевхира боху «лор».
— И «дарбанаш» х1инца чекхдевр дац. Дукхахболчу нахана лоьрашначул а дика евзу медицина. Суна 1уттуш хазахеташ ву-кх хьо. Цулла а, схьаял вайшиннан шахматаш.
  Сайд-Мохьмад ши шо воккха вара Ибрах1имал. Делахь а, и хан ца хаалора шина лулахочун а, шина накъостан а амалшкахь. Школехь доьшуш волуш а, цул т1аьхьа, Орджоникидзехь студен-таш волуш а кест-кеста вовшахкхетий хан йоккхура. Вовшашка дийца х1ума карадора. Вовшех самукъа долура. Дагалеца х1ума-наш а дара шортта. Ибрах1има Сайд-Мохьмадна М1очу т1ехтохар а эрна дацара. Цхьа юкъ яра Сайд-Мохьмад студент волчу хенахь цо шен ерриге а мокъа хан  мехкаршца йоккхуш. Т1аь-хьо-о, бакъдерг аьлча, хийцаелира къоначу лоьран амал, нахана г1ара валале. Хаац кхузахь х1ун туьйлира, к1ентан шен кхетам, я жимчу зудчун Пет1аматан лаам...
— Шахматех-м т1аьхьа а ловзур вара вайшиъ. Цулла а, цхьац-ца къамелаш де вайшимма, Нанин жижиг-галнаш схьадовллушехь.
— Х1ун дуьйцур ду вайшиммо? Х1ун ду керла шун Хойбахахь? Х1ун боху ламароша?
— Ламарой баха лууш бара-кх, шайна баха аьтту хилча, шай-на жимма а г1о дича...
— Аьтту бац кхарна? Хьан ца буьту х1орш баха? — т1евирзира Сайд-Мохьмад, кресло чохь д1а а нислуш.
— Вахар ма дац т1ебоьдуш шерра некъ, лелаш автобус ца хилча. Кегийчарна болх бан меттиг яц. Баккхийнаш-м харц а, бакъ а даьхнийх тийсалуш а 1ара. Суна дагадеанера цхьа ткъех гектар латта а аьхна, картолаш мукъа цигахь ен. Председатель дуьхьал-ваьлла, пеша г1ортийна цициг санна. План яц боху колхозана хас-стоьмашна тоьхна. Латта эрна дарах а, нахана болх бан меттиг цахиларх а цо башха еш г1айг1а а яц.
       - Вуй! Ткъа и картолаш йийча д1анислой цигахь дерриге а?
       - Ца нисло. Оцу ткъа гектаро мел ло а хьаьжна, т1едог1учу
шарахь кхузткъа гектар а ен майда ма ю цигахь, дежийлех оханан аре йичахьана.
Ткъа аьхка бежанаш а, уьстаг1ий а дажон меттигаш цигахь шортта ю. Хойбахоша шаьш а ма ю шайн бошмашкахь лелош карто¬лаш. Тешар вац-кх хьо хьайна ца гича: ведар гергга картолаш йовлу-кх цигахь х1ора к1аг чуьра. Цхьана маь11ехь картолаш а йийча, вукху маь11ехь накхарий а долийча, цхьа устаг1ийн ферма а йиллича, гул ма ло уьш.
       - Ткъа и дерриге а ма де боху хьоьга правление а, парткомо а?
— Ма де ца боху, г1о ца до. И бац тхан берриге т1ом а? Правленехь а, парткомехь а берш-м шайн аьтту хилча, г1о дийр долуш а хир бара, председатель ву-кх дуьхьалваьлла. Цхьанхьа команди¬ровке вахана а, д1а а ца вели иза-м, цхьана к1иранна мукъа. Агро¬ном сиха берта валор вара ас. Т1аьхьа нох а долуш, цхьа трактор хилча, шина дийнахь бен бан болх бацара цигахь. Т1аккха, б1аьсте ма-яьлли, картолаш ен к1едда латта хир дара. Х1унна ен картолаш наха шаьш а лур яра, юхалург, шайга ехча.
— Ас д1аваккха иза хьуна новкъара? — вела а къежаш, крес-лан т1емех вота етта волавелира Сайд-Мохьмад.
   - Муха? — ца кхеташ, б1аьргаш къарзийра Ибрах1има.
— Шен дег1ана цатам хуьлуьйтур болуш стаг ма вац иза. Хьалха хиллачу лоьро кхерийна хилла иза, сахарни диабет йолчух тера хета шена, аьлла. Х1етахь дуьйна кест-кеста вог1у соьга шен дег1е ладог1ийта. Ас больнице охьавижор ву хьуна иза-м цхьана иттех денна...
— Деяла хьан! — велавелира Ибрах1им, — М1очел гена-м ца ваьлла хьо а. Ишттаниг лелон йиш ю лоьран?
— Цхьа а да ма вац шеца цхьа цамгар йоцуш. Суна карор ма ду иза д1авижо бахьана.
— Х1ан-х1а. Баркалла. Накъосталла динарг ву хьо. Хьуна ма-моьтту, атта а дац цуьнца дерг. Дера ю иза ч1ог1а борз! Цулла а, телевизоре хьажа вайшиъ, юург йоллушехь. Нохчийн концерт яра-кха кху чохь хила езаш.
«Дика ду делахь. Хьовсур вай цуьнга-м», — ша шега элира лоьро. Ткъа Ибрах1име юха а хаьттира:
      - Дийцахьа бакъдерг. Боккъала а новкъа вуй хьуна Къосум?
— Новкъа вацара, цо болх бан витахьара-м. Ойла ел айхьа. Соьга терра болу бригадираш шаьш х1ун дер, мича лелхар ца хууш, хьаьвдда хьийза. Ткъа со ваьлла-кх лам т1е май баттахь хьалабалон болчу бажана а, уьстаг1ашна а 1уй лехчахьана, гуьйре т1еяллалц. Т1аккха 1ан веза, Къосуман гергарчу нахана новкъарлонаш а ца еш.
       —Цундела хир ву хьоьца Къосум гамвелла а?
       — Хьуна а хезна?
  —Хезна дера-кх. Хьо сан доттаг1а ву олий, наха схьа ма дуьйцу соьга дерриге а. Хьо хьуо-м вац х1умма а дуьйцур долуш. Ша лелориг а, шена балха т1ехь а, дахарехь а хуьлу цатам а бийца ма беза, доттаг1чуьнга берриге а, шен даг чохь а ца латтош. Суна-м кхин а хезна цхьацца х1уманаш...
  - Х1ун х1уманаш?
 — Телевизорш чохь болчу мехкаршка б1аьрг а бетташ, 1ан дагахь вуй хьо? Кхушара мукъа ловзар х1оттаде вай кху кертахь? — велакъежира Сайд-Мохьмад.
— Дитал, дитал. Ма дика бу моьттахь х1орш телевизор чоххьий, киношкаххьий берш. Кхара цкъа а юьхь1аьржа х1оттор вац.
       - Царах-м доьзал хир бацара.
  Ибрах1има дуьхьал х1умма а ца элира. Цунна шена а хаьара, ша дуьйцург эрна хабар дуй. Делахь а, къамел хийца лаьара, шен деган къайленехь хуьлуш дерг 1ора цадаккхархьама.
 
* * *
— Де дика хуьлда хьан, Къосум! Хьан юьхь т1ера бос башха дика-м ца хета суна. Могуш воцуш-м ца хилла хьо? — хаьттира Сайд-Мохьмада председателе, колхозан конторана уллохь шена иза гича, т1е а вахана. Масех де дара иза председательна тебаш лелаш, леррина т1евахча, иза шекваларна а кхоьруш.
— Кху хьолехь а дика дера буьсу сан бос-м, докъан басе ца боьдуш. Диканца везийла хьо а, — т1евирзира председатель лоьрана.
— Ас боккъалла а боху хьуна. Больнице волахьа тахана, хьуо ларрийначуха. Ладуг1ур дара ас хьоьга, — леррина цуьнга хьаьжира Сайд-Мохьмад.
— Ша х1инцца д1а ца ваг1ахь, т1аьхьа-м ларавой а ца хаьара со. Х1инцца д1аг1о вайшиъ сан машенахь?
   - Г1о.
Сихха д1акхечира уьш больнице. Т1ера пиджак а, коч а, д1а а яккхийтина, ладог1а волавелира лор.
Вахвелира Сайд-Мохьмад, ладоьг1на ца волуш. Т1аьххьара а элира:
   -  Х1ара-м тамашена х1ума а ду!
    - Х1ун ду цигахь? Х1ун хилла?! — кхеравелира председатель.
— Хьалха ас хьоьга ладуьйг1уш а вара со шек-м. Х1инца бок¬къалла а тамашийна х1ума ду-кх х1ара!
    - Х1ун ду тамашкйна? Валахьа дийций! – къаьрзира Къосуман шиб1аьрг.
    -  Цхьана х1уманах шеквукха со, Къосум.

    - Стенах?
- Ши дог ду-кх хьан кху кийрахь!
Дукха тамашийна, лерина хьаьжира Къуддуз Сайд-Мохьмаде. Лор 1адон санна, т1ебоьг1нера цунна шен мокха ши б1аьрг. Сайд-Мохьмад хала сацавелира, вела ца луш.
— Ш-ши д-дог хилча дикахо а дац? цхьаъ запас хирду-кх,—забар ян вуьйлира Къуддуз.
— Ши дог хилар-м х1умма а дацара, вуьшта, ший а вон болх беш ду-кх хьан и шиъ, — шена цхьа ч1ог1а г1айг1а хилча санна, лен велира Сайд-Мохьмад. — Сихонца лечени ца йолаяхь, аритмия хиларан сахьт дац. Т1аккха, хьанна хаьа, кризис...
Председателан юьхь т1ера ц1елла х1инца боккъалла а д1аяйра. Забарш яр д1аделира.
— Валлах1и, со шек-м вара хьуна кху т1аьхьарчу деношкахь! Цхьа вон г1енаш гинера суна. Оцу вайн чохь йолче а, нахе а д1аса мукъа ма хьахаделахь иза. Кхералур бу уьш. Х1инца хьан хуьлу дарбанаш леладе суна, дуьненан рицкъанах озавелла ца 1аш!
— Ишта-м башха воха а ма вохал хьо. Шен хеннахь гучубели вайшинна х1ара болх. Цхьа дика молханаш а ду сан, ишттаниг хилахь а бохуш, 1алашдина. Импортни молханаш ду. Индера деана. Цхьана иттех дийнахь хьо хьалхачул а дика тован т1елоцу-кх ас. Вуьшта, охьавижа дезар ду.
— Дера ду... Дезар хирг ду, дера-кх. Со хьаьдда хьийзарх г1уллакх, хьаха, хир дац... Шен да вала а велла, бисахьара и болх! Могашалла ю коьртаниг! Эх1! Суна хаа-м, къур1анор хаьара цхьа сингаттам сайх 1отталой. Цкъа юха а дикка ладог1ал ахь, Сайд-Мохьмад. Со д1аваларх халахетар долуш нах к1езиг бу хьу¬на кху юьртахь...
— Иштта ма ала ахь, Къуддуз. Цут1ецадаьллах1инца а г1ул-лакх. Вуьшта, вон боху ахь хьуо везаш нах юьртахь к1езиг бу. Ахь х1ун вон болх бина царна, хьо ца веза?
— Вон болх-м, къур1анор ца бина цхьанна а, со вала а волуш. Вуьшта, хьайна хаьа-кх хьуна, жимма а аьтту нисбелла стаг вайн нахана мел веза. Сан метта кхин хилча ца могуьйту долу х1уманаш дукха могуьйту-кх хьуна ас нахана. Бакъду, ас хьаькамашца сайн юкъаметтиг ларйо. Церан соьга ала а хуьлу, сан цаьрга ала а хуьлу. Бертахь бан ма беза болх, ша бечохь. Къийсалуш хила ца веза. Сайна дика болх бинчунна, мелла а дика болх бийр болуш ву-кх хьуна со!
           Сайд-Мохьмад юха а леррина Къосуме ладог1а волавелира.
       - Ахь шарнна а аьхка мангал бетташ хааделла суна Горгачу дукъахь, — юха а лен велира председатель, — етт 1аьнах баккха докъар-м ас хуьлуьйтур ду хьуна. Цунна г1айг1а ма е ахь. Юьртахь лоьрана бан дукха болх бу, мангал ца хьекхча а. Ас и г1айг1а т1ера йоккхур ю хьуна, дала мокъалахь.
           - Баркалла, Къосум, ца оьшу. Мангал-м айса а хьокхур бара ас. Могашаллийна а ч1ог1а дика ма бу иза. Хьаькхнарг аш х1ор шарахь схьалуш а доккха г1уллакх хуьлу суна-м.
     - Иза-м тхан декхар ду, лоьрашна а, хьехархошна а мангал хьакха меттиг ялар.
     - Хьо шек а ма вала хьо, дарба-м ас дика лелор ду хьуна. Ит¬тех дийнахь больницехь а 1ийна, д1авоьдуш, ша и пиллиг санна хир ду-кх хьуна хьан дег1!
           - Охьа маца вижа дезар ду сан?
           - Тахханехь.
             Председатела шен шофер г1айбий, юрг1ий дан ц1а вахийтира.


**

«Тховса колхозан парткомехь заседани ю. Хьоьга илла а, билла а цигахь хила веза боху», — хабар деара Ибрах1име почтальоно. Шен мотоцикл а хаьхкина, охьавеана бригадир, суьйранна ялх сахьт долуш правленшн конторана улло кхечира.
         - Ибрах1им, схьавоьл цкъа чу, — учара схьакхайкхира парткоман секретарь.
         - Х1ун бохура ахь? — чоьхьавелира бригадир.
    - Охьахаал цкъа, эццига. Берриш схьагулбалале жимма къамел де вайшимма.
         - Де те.
         - Тахана парткоме диллина ду колхозан коммунистийн гуьйренан белхаш ч1аг1барехь долу декхарш, аьлла г1уллакх. Ахь бина г1урт а бу вайн бийца билгалбина...
        -  Х1ун «г1урт?»
        - Хьуна ца хаьа? Хьо вац председательца бина барт бу хьайн, аьлла инженер а 1ехийна, лома трактор а йигна цана йохийнарг? Хьуо бата т1ехь ву моьттура хьуна? Хьайн аьшпаш гучубевр бац моьттура хьуна?
        - Цкъа делахь, цана яц, бажа бежа майда ю. Шоллаг1а делахь, йохийна яц, аьхна ю, картолаш ен...
        - Ванах, хьо ма тамашийна ву! Председатель а дуьхьалхилча, агроном а хьайна берта ца веъча, инженер а 1ехийна, айхьа динарг гена г1ур доций ца хаьа хьуна? Сох мукъа дага стенна ца волура хьо, коммунист ма ву хьо, бандит ма вац. Обарг а вац, луравоьлла вахана.
         - Хьох дага ваьлча, ахь Къосумна луъург дийр дара-кх, х1инццалц санна. Наха эрна ма ца олу, хьо председателан ворта ю, иза хьавза-хьаьвзанча хьаьвзаш.
         - Председателанне, парткоман секретаррий цхьацца аг1ор хил¬ча дош ца хуьлу. Т1аккха болх буху, колхоз юху, вай нахала довлу. Хьуна ма ца хаьа тхойша тхаьшшиъ волчахь тхойшиннан х1ун къамел хуьлу, х1ун девнаш довлу. – т1ечийха х1оьттира коммунистийн хьаькам. - Хьуна ма-дарра цахаарх, ас хьо бахьанехь а даьхна цуьнца дукха девнаш! Амма хьо х1инца гена вала воьлла. Хьуна хьайна моьттург бен цхьа а дош ца хета, кху колхозехь деш дерг. Хьуна айхьа дуьйцург а, хьайна луург а бакъ хеташ хилча, хьайна оха бакъо яллалц т1аьхьаваьлла х1унда ца лелара хьо? Х1унда ца веара со волчу, ас а къобал ца дича, рай¬коме, райкомехь а ца кхетча, министерстве, обкоме?
         - Совмине, ЦК парте, ООН-е?..
         - Собар! Дуьхьал мукъа ма ле, со хьайга ала г1ертарг аьлла валлалц!
         -Султан Телипович, со райкомехула, министерствехула волавелла леллашехь 1а а доьлла, ло а деана, дуьсур ма дара вай. Со цигахула лелча, хиндерг а суна гуш ма ду.
         - Ахь дийцарехь, хьоьга ладоьг1ча, хьо санна кхеташ а, хьан санна кху колхозан г1айг1а йолуш а стаг ван а вац-кх! Со хьоьца хьан воккхаха волу накъост санна дийца воллуш вара. Амма цунах, гарехь, г1уллакх хила ца долу, -куьйгаш д1асатесира парткоман секретара, - хьожур ву вайшиъ парткоман членаша х1ун олу. Амма оха ен йолчу кхелана дегабаам ма белахь. Хьо хьуо ву доллучунна а бехкениг. Д1авало х1инца. Массаьрца цхьане чувог1ур ву хьо.
Ибрах1им ша аравалале леррина хьаьжира Султан Телиповичан б1аьргаш чу. Хьаьжира, шена иза дуьххьара гуш санна. Ойла йира: «Цхьадолчу т1ехь-м бакъ луьйш а ма ву х1ара. Хила а хил-лера цкъа кхунах дагавала везаш. Парткоман секретаран б1аьр-гаш чохь ца гира Ибрах1имна оьг1азло, цабезам. Цуьнан коьртара ло санна к1айн, къежъелла месаш, сирла, хьекъале ши б1аьрг, к1орггера олу дош, дерриге а цхьа шатайпа маь1на долуш хийтира. — Вон лийра со кхуьнга иштта. Юхавала веза со жимма айса дийцинчунна...
Х1ан-х1а. Иза х1инцца дан мегар дац. Моьттур ду со та1зарх кхеравелла. Т1аьхьа дер ас кхуьнца къамел. Т1аьхьа а ю хан. Хуур кхо дан кечдинарг х1ун ду а...»
Ибрах1им, хьала а г1аьттина, меллаша чуьра аравелира.
Дукха нах бара заседане кхайкхина. Берриге а парткоман членаш а гулбеллера тховса. Ур-аттала, тахана дуьххьара больницера араваьлла Къосум а веанера. Иза, гарехь, дукха ч1ог1а оьг1азвахана вара.
 Ибрах1иман б1аьра хьажа даго ца вуьтуш, хан яьккхира цо, секретара дош а делла, бригадир лен волаваллалц.
Ибрах1има дийцира ша дайтинарг мел дика охана ду. Дийцира, цу къоначу лаьттахь мел дика картолаш хир ю. «Со тешна ву, — чекхдаьккхира цо шеи къамел, — юха шарахь вайцигахь кхузткъа гергга гектар картолаш юьйриг хиларх! Ца йийча вай 1алур а дац!».
— Мичара! Х1инццалц муха 1ийна а ца хаьа. — 1оттар йира председатела. Чохьберш бийлабелира.
— Мила ву вистхила лууш? — хаьттира парткоман секретара. Чохьберш, цу белхан к1орггера ойла еш санна, хевшина 1ара.
       - Ас ала? — хьалаайвелира председатель.
— Алал, Къосум Наибович, — бакъо елира парткоман секре¬тара.
     — Со х1инца жима вац, шуна ма-хаъара... - Ша хиъна 1ийна г1ант цхьана куьйга, схьалаьцна, юьстаха диллира цо. Гарехь, иза дехха дийца воллура. — Х1инца могушалла а галйолуш лаьтта. Айса х1инццалц къа мел хьегначу меттигашкахь — бежа1у суо волуш а, биргадир волуш а, завгаран болх беш а, айса дийриг сан хьаькамана товш хилахьара-кх, сан хьаькам суна реза хилахьара-кх бохуш лелла со. Х1умма а дохко а ца ваьлла.
        Кегийчарна, къаьсттина кху заманчохь т1екхиъначарна ца хаьа оха, баккхийчара, лелийна баланаш, тхуна гина халонаш. Царна дерриге а дукха ч1ог1а атта хета. Моьтту, дерриге а шаьш ешначу книшканашна т1ехь, шайна эхьначу киношкахь санна хила деза. Амма х1инца хьо жима вац, Ибрах1им, — т1евирзира председатель бригадирана. — Айхьа лелочунна, дика делахь а, вон делахь а жоп даллал ву хьо х1инца!
        Ойла ел цхьана х1уманан: и хевшина 1аш болу бригадираш х1умма а хьол 1овдал бац. Я хьачул кху колхозан г1айг1а к1езиг йолуш а бац. Ойла ел, х1ун хир дара, нагахь д1огахь хиъна 1ачу Обухьажийна тонкийн метта, г1абакхаш ен лиъча, я вукхарна хьаьжк1ашна асарш дан г1ертачул, рапс, я люцерна ен лиъча?
     Доцца аьлча, сонталла ю, 1овдалла ю, жима къонаха, ахь лелошъерг! Цул сов, агрономан корта хьовзон г1оьртина хьо, цунах г1уллакх ца хилча, ваха а вахана, хьайн ден хеннара волу, и хиъна 1ан инженер 1ехийна ахь! Муха мегар ду иштта волчу стагаца болх бан? Иштта зен-м я шпи-оно а, я диверсанта а дийр ма дац! Хьуна-м цхьа а тайпа 1едал дан а дац ма моьтту кху колхозехь а, районехь а!
     Доцца аьлча, хьуна хаа лаахь, ас эккхор вара хьо кху колхозера тоххарехь, къона гов-занча, ларалуш вацахьара. Амма парткомана хьалха хьо къона вац. Хьо коммунист ву. Цундела, суо парткоман член хиларе терра, сан предложени ю цунна уггаре а луьра та1зар дар, партера д1аваккхарна т1е кхаччалц. Иштта берийн амалш йолу нах оьшуш бац вайн хьомечу Коммунистически партехь!
Чохьболчаьрга д1асахьаьжира председатель. Гира, наха ша аьлларг башха къобал ца дой. Т1аккха, бехказа волуш санна, эли-ра:
— Валлахь-биллах1, инфаркт еш ма лаьтта суна кху къонахчо! Х1ара-м вала а вели, сан дакъазалла, мичара вели а ца хууш.
Чохь тийналла х1оьттира. Дукханнан а б1аьргаш серладевллера. Гуш дара, х1инца бистхила лууш берш дуккха а буй. Цунах Султан Телипович а кхийтира.
— Х1инца дош лур ду вай Дадаев Хьасамбекана. Алал, Хьасамбек, хьайна хетарг ахь, — элира парткоман секретара.
Хьасамбек массара а  лоруш стаг вара. Т1ам т1ера и сан¬на дукха орденш а, медалаш а яхьаш веана стаг вацара цу кол¬хозан к1ошт1ахь.
    — Кегийрхой, бакъ а долуш, тайп-тайпана бу, — д1адолийра Хьасамбека шен къамел. — Амма кхин цхьаъ ду — уьш берриге а цхьане лерича, вайл дуккха а кхеташ а, хьекъална сов а бу, къаьсттина, вай церан хенахь муха хилла хьаьжча. Вон дара вай тховса вуьйцург маларшна, къолашна, дуьйцуш товш дацахь а, жерошна т1аьхьа ваьлла лелаш волу партии член велахьара. Вай тховса къестош дерш, цхьадика, производствон г1уллакхаш ду.
Кхин цхьаъ а ала луур дара суна: вай партера д1аваккха новкъаваьккхинарг балхах къихкина а, балхана дуьхьалваьлла а лелла стаг вац, мелхо а, цхьа диканиг дан 1алашо лавина лелла стаг ву. Со ца кхета, х1ун ду вон, нагахь вай Хойбахахь картолаш йийча? Латта къийло вайн, ахча дов вайн, я уьш лелон стаг вац вайн? Хилахь, хир ю картолаш 1едална а, нахана а. Ца хилахь, бежнашна яъал х1ума-х ер яй цигахь! И бахьанехь стаг партера а, балхара а ваккха г1ертар суна дукха сонта г1уллакх хета. Суна цу к1ентан да-нана а дика девза, ур-аттала цуьнан деда а вевзара.
Цхьажимма луьйчура сецира Хьасамбек, цу доллучун а ойла еш санна. Т1аккха юха а лен велира, шена хьалхахьа куьг а лестош:
— Амма цхьа кхин а ду бакъ. Ибрах1има шен лаамехь цхьац-ца х1уманаш Хойбахахь лелош хилар а вайна гуш ду. Цхьаъ ца лелийча волий иза, бригадир ву аьлла ц1е а тоьхна, хьалавахийтина хилча?
— Нийса боху. Сократить йийр ю вай и единица, — меттахвелира председатель.
— Йийр яц! Х1инца йийр яц, я йойтур а яц! Еш хилча, пхи-ялх шо хьалха ян езаш хиллера и сократить. Х1етахь дуьйна 1ийна ци¬гахь бригадираш, дала кхоьллина деш х1ума а доцуш, гай т1е м1араш а хьоькахуш, 1индаг1а дерза-дерзанча т1екъал а буьйлуш, кара деана кепек къаьркъанах а дуьхкуш. — т1ечевхира Хьасамбек председательна. — Со ала г1ертарг цхьа кхин ду. Х1унда 1ийна х1инццалц парткоман секретарь а, меллаша и к1ант схьа а кхайкхина, цуьнца къамел ца деш а, цунна нийса некъ ца гойтуш а?
         Дера, массо а бригадира а, специалисташа а шайна дага деъ-деанарг лелийча, колхоз юхур ма ю. Дера, Ибрах1има ша динарг нийса ма ца дина! Дера цо инженер 1ехор коммунистан ц1арца нийса дог1уш ма дац, цуьнан вай тховса мах а хадийна, цхьа сацам ца бича а девр ма дац. Ткъа мичхьа бу вайн парткомо къоначу коммунисташца бен кхетош-кхиоран болх? Бац! Бац аьлча, хьуна хала а ма хета, Султан Телипович.
        Хьо дукха эсала стаг ву. Дукха председателан бага хьаьжна а ву. Иштта хила ца веза... Ибрах1има инженер 1ехор вайн йоллучу а парткомана а эхьен г1уллакх ма ду.
     Хьасамбек юха а жимма соцунг1а хилира.
— Ткъа х1ун до вай Ибрах1имна, мидал уллай вай цунна? Я памятник х1оттайо цо йохийначу цанаш юьккъехь?— схьакхайкхира юьстаха хиъна 1ан агроном.
— Оха цхьаъ дийр ду. Хьо 1адда 1е. Хьо партехь а вац! — т1ечевхира цунна Хьасамбек. — Х1умма а тховса кхунна ца дича а довлура вай довла-м. Делахь а, ишттаниг юха кхуьнгара ца далийта а цхьа выговор дича бакъахьа хета суна.
Хьасамбек охьахиира. Гуш дара чохьберш, цхьа председатель воцург, цо динчу къамелана резахилар.
Хьасамбека дийцинчух терра къамелаш дира месткоман председатела а, цхьана хьелийозархочо а. Т1аьххьара а Султан Тели-повича ша а къамел дира:
—Накъостий, аш массара а дика эли. Къаьсттина Хьасамбека а, цул т1аьхьа къамелаш динчара а. Бехк, Хьасамбека ма-аллара, берриге а сан бу. Вайн партис т1еэцначу Кхачанан программина т1ехь а, ткъей ялхолг1ачу съездан т1елацамаша а ч1ог1а мехала лерина ду совнаха капитальни харжаш а ца еш, меттигера производственни т1аьхьалонаш шуьйрра юкъаозор. Нагахь ас а, председатела а Ибрах1иман д1адолор къобал а дина, иза райкомехь а, юьртабахаман урхалглехь а д1адовзийтинехьара, цара иза къобал а дийриг хир дара.
 Хьо, Къосум Наибович, дуьхьалвелира цунна. Хьо кхоьрург цхьаъ дара: кхушара картолаш йийча, юхашара хасстоьмашна алссам план т1етохарна кхоьру хьо! Кхоьру, хьайн а, д1о 1ачу агрономан а болх алсам баларх! Соьга а дийхира ахь, цкъа кхушара мукъа 1адда 1ахьара, техника а ца тоьара, гуьйренан белхаш дукха а бара, аьлла. Со-м иза ма-дарра кхаьрга д1адуьйцур долуш а вацара, х1ара иштта гена ца даьллехьара. Суна хетара, х1инца ша динарг магийча, Ибрах1им кхана кхин а алсам куравер ву аьлла. Цундела вайн заседани д1айолаялале, ас чу а кхайкхина, цунна жимма дов а дира. Аш соьга тховса нийса, къинхетамза бехк баьккхи, председателан бага со дукха хьоьжу, аьлла. Иза дика ду аш соьга т1аьхьашха а ца олуш, юьхьа-дуьххьал схьа аьлла. Цунна ас шуна баркалла боху. Аш иштта халххе схьаолуш хиллехьара, ас сайн амал хийцина хила а мегара.
Со аш хаьржина ма ву. Шуна хуург, луург, со д1алаца а, г1о дан а декхарехь а ву. Суна нийса хета коммунист Макаев Ибрах1им та1зар ца деш ца витар а. Цо динарг ойла ца еш, кегийчу бераша санна дина х1умаду. Куьйгаш айдел коммунисташа  бригадир, коммунист  Ибрах1имна выговор дала резаволчо.
     Массара а куьйгаш айдира.
     - Сан ду ала цхьа х1ума, — хьалаайвелира председатель.
     - Вай дийцина девлла, хьо бригадиран Макаевн хьокъехь ала валлахь! — аз айдира парткоман секретара. Иза тховса наха яхье ваьккхина, майра ваьллера.
     - Вац! Со колхозан хьокъехь олуш ву! Со председатель ву кху колхозехь, цкъа х1инца а! — дуьхьалвирзира Къосум а.
     - Алийта!  Алийта!   — дийкира  парткоман членашна юкъахь.
      - Алал делахь доцца, — бакъо елира парткоман секретара.
      - Аш ойла йиний, х1ун дийр ду вай цу аха а аьхна, охьатесначу майданах! Я суний, агрономаний бен бала бац те цуьнан цхьанне а? Суна хета, вай цу майдан т1е люцерна ен еза аьлла. Вайна план а ю цу бецана тоьхна, цкъа делахь. Т1аккха делахь, я вайн картолийн х1у а дац цу майдан т1е ден.
— Х1у Хойбахарчу наха лур ду, — г1ийлла вистхилира Ибрах1им.
— Накъост, хьуна х1орш коллективизаци ен шераш ду-м ца моьтту нахера а йохуш, картолаш ен? Хьуна ма къийделла хета х1ара 1едал. 1едалан-м шен-шен сорташца картолийн х1у дай, ахь Хойбахошка саг1а ца дехча а! — чуьравелира председатель.
— Вот! И нийса ду! Суна хетарехь, вай партийни т1едиллар дан деза вешан председательна лаха а лехна, дан а деана, и карто¬лийн х1у д1адейта аьлла, — элира Хьасамбека. Чохь берш бийла-белира.
— Х1ун де ткъа, мила реза ву и тайпа т1едиллар вайн предсе¬дательна дан? — хаьттира парткоман секретара.
Чохь мел волчо, парткоман членаш болчара а цхьаьна, куьй-гаш айдира.
**

Ибрах1иманний, Кьосумий юкъаметтиг галъяьллий хууш, председателера мел евлла ледарлонаш, цхьаболчара, йовдайой, к1антана т1е йохьура. Ибрах1им башха теша а ца тешара цу нахах, х1унда аьлча, ша т1аьхьашха аьлларг, цара кханнахьехь, шаьш председательца та ма тайннехь, дадийна, шайггара т1е а тухуш, юха цунна т1е хьур долу дела. «Соьга стенна дуьйцу аш? Цуьнга шега, юьхьа-дуьххьал д1аала, я собранехь хьала а г1овттий, наха-на а хезаш ала! — т1ечевхара, дукха хьолехь, бригадир. Амма сел-хана цунна хезнарг — иза тамашийна дара, х1умма а уллорчу нахах ийзалуш а ца дийцира Ибрах1име и керланиг колхозан ферманийн хехочо. Дуккха а нах а болччахь, мохь туххуш элира цо:
— Шу кегийчара мукъане а стенна лелайойту хаац оцу хьаькамашка и харцонаш! Вайн чуьра зуда яьхьнера хьастаха цомгушхилла, больнице. Лоьраша цунна ерг бежнах яьлла брюцеллез ю аьлла. Ткъа д1а ла доыг1ча, б1е гергга етт хилла-кх вайн колхозан фермехь и цамгар йолуш!
— Хьуна х1ун хаьа? — цецваьлла висира зоотехникца г1уллакх 1оттаделла, ферман кеберте веана Ибрах1им.
— Иза-м лоьрашна а, боллучу дояркашна а хууш ду, х1инца, 1едалх лачкъийни хиъча, шайна могуьйтур доцу дела.
Уллохь лаьтта масех даьхнилелорхо, кортош а охкийна, шай-шай вониг ца хила, юьстахвелира.
      Цу дийнахь Ибрах1имна я зоотехник а, я ветеринарни  лор а ца карийра.
Х1инца и бежнийн лор лома, жа т1е веана а хаавелла, иза вол-чу веанера Ибрах1им, леррина шена хезнарг бакъ ду-дац хатта.
Бода боьллера. Сарралц уьстаг1ийн ц1ий дохуш, цхьацца мол-ханаш лелош, к1адвелла Душалий, иза волчу г1аш Хойбара хьала веана ИбрахГиммий йоккха леттачу ц1ара уллохь 1ара. Ши гажар а тоьхна, пурх тесначу г1ожа т1е оьллина дерриге а к1урзаша дуьз-на жижиг чуьра ведар х1етта кхехка доладеллера.
Юьхьа-дуьхьал д1а шена хезнарг хатта бакъахьа ца хеташ, г1еххьа хан ялийтира Ибрах1има. Кестта ломара охьа дига дезачу женан хьокъехь дара деш долу къамелаш.
Цхьана хенахь х1ума а йиъна, яйна улло хьийзарш д1аса а бахана, шаьшшиъ висира ши накъост.
Душали Ибрах1имал пхи-ялх шо воккха вара. Цундела цуьнга дан хаттар а г1иллакхе, собаре хила дезий хаьара Йбрах1имна.
— Душали, — вистхилира иза мацца а.
— Х1ун боху ахь?
— Бакъдерг дуьйцур дарий ахь соьга?
— Дуьйцур ду, дийца мегаш дерг-м. Бакъдерг а масийтта де-къехь ма хуьлу, — къежира бежнийн коьрта лор, хьалххе шена луъ-луъучу кепара дийца некъ боккхуш.
— Х1ан-х1а. Бакъдерг цхьаъ бен  ца хуьлу. Массо заманчохь а бакъдерг бакъ хилла, харцдерг харц хилла. Вайшиъ вол-чахь кхин хийра стаг а вац, я со ахь сайга дийцинарг кхайкхош лелар волуш а вац. Амма суна хаа лууш цхьа х1ума ду...
— Хаттахьа, дукха дах а ца деш. Ас дуьйцур ду-кх хьуна сайна хуург.
— Дика ду х1ета.   Бакъ дуй вайн фермехь б1е гергга етт брюцеллез йолуш, цомгуш бу бохург?
Цецваьлла, ша гоьрга т1ехь хиъна 1аччохь букъ нисса хьала-нисбелира. Душалин. Цуьнан ира, баьшна корта шашах д1аса-хьажабелира: «Цхьанна а хаза-м ца хезна техь кху 1овдало хаьттинарг?»
— Хьан бохура хьоьга иза? — кхеравелла, дийкира цуьнан аз.
— Жоп ло ахь ас хьайга хаьттинчунна. Вайшимма барт ца бира, бакъдерг бен дуьйцур дац, аьлла?
— Соьга цхьаъ ала а алийтина, иза Къосумна дуьхьал даьккхина, хьийза воллуш хир ву хьо. Суна хезна шуьшиннан юкъа¬меттиг ж1аьлинний, цициганний санна ю бохуш... — хаттар забарехьа а даьккхина, д1адайа г1оьртира Душали. Цуьнан юьхь т1ера къажар цхьа декъаза, осала хетара леттачу ц1еран серлонехь.
        - Душали, хьенехий, минехий бохура, бохуш эладитанаш д1асаидочарех а ма вац со. Хьайна лаахь ма дийца, амма цомгуш даьхний латтор, церан продукци адамашна яор — иза инзаре зулам ду. Иза динчунна хан йог1у. Варийлахь, Къосумца хьайн юкъамет тиг юхура алий, и тайпа тешнабехк адамашна ма белахь. Адамийн могашаллин меха х1ума доций ца хууш, ма вац хьо а. Вай мел лелош дерг а ма ду адамийн дуьхьа.
Душали ша х1ун ала деза ца хууш воьхнера. Цкъа делахь, иза бакъ ма дац, аьлла, дуьхьало ян ца х1уттура. Шоллаг1а делахь, ша къар велча, ша бохура, бохуш Ибрах1има цхьаъ лелорна а кхоьрура.
— Сан карахь х1умма а ма дац, — шашаха иккхира Душалин багара, шаьшшиннан вовшашка вист цахилар хьеделча. - Коьртачу зоотехникой, председателей шаьшшинна луъург бен ма ца дойту цу фермехь.
— Вуй! Хьо коьрта лор вац ткъа? Райцентрехь хьоьл лакхара хьаькамаш бац   ветстанцехь а, ветбаклабораторехь а? Аш аьлларг дохон мила ву?
Душалийна дагадеара: «Ванах, г1уллакх гена а далахь, суьде а далахь, суна а тоьшалла дан магара кхо, къар ца велира аьлла. Цулла а, цхьадерг д1адийца деза ас кхуьнга, ма-дарра ца дий-цахь а...»
— Шеко йолуш ду тхан цхьа к1еззиг даьхний. Вуьшта, билггал къаьсттина х1ума дац, — ма-дарра схьа ца дийцаделира Душалига юха а.
Ибрах1им х1инца кхоччуш тешнера шена хезнарг бакъ хиларх. Кхунна хаьара, кхин д1а Душалица муха дийца деза.
Даггара  халахетара Душалийн сил ледар хилар. 
— Цхьа зуда цомгуш хилла х1инцале а. Шоллаг1аниг, кхоалг1аниг мила хир ву хьанна хаьа — сан нана, хьан да, кхечуьнан йиша!
— Дерриге а хьуна ма-моьттура а дац иза х1ай к1ант, х1ай! — т1ечевхира Душали. — Вайн хьелий а, шура а, эсий а жимделча, районан хьелий а, шура а, эсий а жимло. Т1аккха районан план ца хуьлу. Циггара схьа ду иза дерриге а! Вайн ветстанцехь берш а 1а райкомах кхоьруш. Со цхьаъ вац и лачкъийна 1аш, иттех стаг ву, уггаре а лакха-лакхарнаш! Со меттаха ваьлча, ас царна беш берг тешнабехк хуьлу!
  —Царна хилахь выговарш хир, ваккхахь цхьацца верг балхара а воккхур, ткъа адамийн йовш.ерг могашалла ю! Х1уманна а бехке а боцчу, хьаналчу къинхьегамхойн! Айхьа дуьйцург х1ун ду хаа а хаьий хьуна? Адам дац хьо? Нохчо вац хьо?! — хьалаиккхира Ибрах1им. Шен карара ч1еш ластийна ц1ера юккъе а кхуссуш, д1авирзира. Б1аьрг туьйхира бодано къевлина, х1етта хьалакъеддачу батто г1еххьа баххьаш серладаьхна лаьттачу лаьмнашка. Токхечу гуьйренан ц1ена, мела, беца хьожа йог1у х1аваъ цу лаьмнийн кийрара схьадуьйлуш санна хетара.
 Маь1-маь11ехь ирхихна шира б1аьвнаш, кхечу г1ишлойн саьнгарш. Х1ора т1улг а — ширачу дайша хийлазза карара кара эцна хир бу. Х1ора т1улгана т1ехь а —дайн шогачу п1елгийн ларш, церан беркатечу куьйгийн томг1анаш долуш санна хетара.
Йоллучу инзаре йоккхачу ч1ожахь а гена-бевллачу дайн синош лелаш санна, уьш дерриге а кху минотехь леррина шен б1аьра, шен даг чу хьуьйсуш санна хеталора Ибрах1имна...
 Ткъа Душалигара х1инцца хезнарг — цхьа инзаре, 1аьр-жа, боьха харцонан берд! И дерриге а дайн синош, дайн г1илла-кхаш, оьздангалла, яхь, стогалла д1ахьулйича санна хеталора цу бердо. И харцонан берд бохабахь — дайн синош мукъадовлуш, ца бохабахь, церан берриге а бехк т1ехь буьсуш санна хеталора.
Хезна х1ума ма дац иза цхьана а заманчохь а, цхьана а адамашкара — шен аьтту хьалхл баьккхина адамийн могашалла йохкар!
 «Х1ан-х1а. Иза могуьйтур дац ас. Муха, х1ун дийр ду хаац, аммамогуьй-тур дац. Сайн беллачу ширачу дайн синойн дуьхьа, сайн исбаьхьа-чу, цхьаъ бен боцчу мехкан дуьхьа.Сайн къоман, сайн халкъан дуьхьа могуьйтур дац-кх ас иза кху ж1аьлешна!..»
— Сан воккхаха волу ваша вара вайна уллорчу районехь некъаш тодеш йолчу цхьана ДРСУ — олучу организацехь инжене¬рен болх беш, — г1ийлла дийкира Ибрах1имна т1ехьара схьа Ду¬шалин аз. — Дика ларош схьавог1уш а вара иза, хьаькамаша хес-та а веш. Цхьана дийнхь д1а а кхайкхина, райисполкоман предсе¬дателе аьлла хиллера цуьнга: вайх лаьцна газета т1е тоха езаш фельетон ю, детсадана т1е боьдучу некъа т1е, асфальт ца юьллуш хьебина аьлла. Х1уъа дай а, мухха йиллий а, кху к1иранах цу т1е асфальт йилла. Сан вашас дуьхьал жоп делла: «Со муха волу цхьана к1иранах иза йиллина? Некъ цкъа хьалха грейдерца тобан безаш бу, т1аккха т1ехула йохка езаш щебенка ю. Щебенкин мет-та-м ахкачуьра жаг1а а бухку барий, амма иза бан а районехь дийна цхьа а экскаватор а яц», — аьлла. Райисполкоман предсе¬датель т1аккха ткчевхина: «Хьайн хьашт дерг де, хьайна лаахь нарушени а е, амма важа оршотан де т1екхачале, некъ бина балий-та безаш бу!»
Сан ваша дуьхьалваьлла, шега иза далур дац, аьлла, т1аккха председатель дехаршка ваьлла, г1о доцуш а, накъосталла доцуш а вуьтур вацара, дахьара ша бохург, аьлла.
Иаккха вукхуьнан зударшка куьйга т1е а боттуьйтуш, маше-нашкахь жаг1а кхехьа дезна. Ткъа и тайпанчу белхан нарядаш чекх ма ца йовлийгина бухгалтерехь. Белхалоша шайн ахча схьа-доьхуш хилла. Т1аккха, и ахча царна д1адалархьама сан вашас цара цабинчу балхана нарядаш х1иттийна. Иза гучу а даьлла, ша ревизораша хьовза ма виннехь, х1ара райисполкоман председа-тельна т1е вахана, иштта г1уллакх а ма дара, г1о дахьара шена, аьлла. Вукхо шен дан х1умма а дац аьлла. Ишттачунна т1ехь г1о дийр ду ца аьллера ша хьоьга!..
        Сан ваша балхара а, партера а д1аваьккхира. Условно шо хан а туьйхира. Х1инца эццига, шабашке а оьхуш 1аш ву. Дай хьуна цо институтехь дешар а, мел хьегна къа а. Иштта ю хьуна вайн за-манчохь нийсо! — Душали луьйчура сецира. Ибрах1им, веана, ц1е-ра улло охьахиира.
    — Хьайна а изза дийр ду боху-кх ахь цу берзалоша, даьхний брюцеллезах хилар ма-дарра д1ахиъча?
Кхехкаш лаьттачу яй т1ера чопа д1аяккха вуьйлира Душали. Гуш дара, дуьхьал х1ун аьр ца хууш, ойла еш иза хилар.
    — Бакъдерг дийцахьа, Ибрах1им, хьо хьуо д1аг1ертарх, нийсо хир ю аьлла хетий хьуна?
         — Хьуна хир яц аьлла хета?

         Юха а тийналла х1оьттира.
     — Хьастах чукхайкхинера со председатала. Цунна уллохь хиъна 1аш районера веана юьртбахаман урхаллин начальник Висайт Хумидович а вара. Суна ма хаьа и шиъ ши доттаг1а вуй, — мацца а вистхилира Душали.
    «Уьстаг1ий креолинца обработка йина девллий вайн?» — хаьттира председатела. Сан дог хилира ала: «Цаьрца и ловзарш лелон нах ца тоьа, аьлла, ах жа бен лийча а ца дойтуш, совцийнарг хьо вац?» — ала, амма жоп делира: — «Девлла» аьлла.
     Т1аккха председатела хаьттира: «Брюцеллезах даьхний цомгуш ду бохуш, аьрзнаш ма ду вайна кхехьийтина. Доллучу а даьхнийн ц1ий даьккхина а, и ц1ий ветстанце д1адахьийтина а девлий вайн?» Сан ала дог хилира: «Ахь ма-аллара, бруцеллез хьакхаелла даьх¬ний дита а дуьтуш, могуш долчу бежанийн ц1ий пробиркаш чу а дуьттуш, д1а-м дахьийтина», амма жоп делира:
         «Девлла».
         Т1аккха Висайт Хумидовича хаьттира:
    Дохнна ректальни талламаш бар нийса ца хуьлу шун. Стохка аш бинчу талламашца х1ора б1е аттера дезткъе пхийтта эса хила дог1ура, ткъа аш кхузткъей шиъ бен ца эцна. И тайпа нийса боцу талламаш кхушара-м бийр бац аш?»
   Сан дог хилира ала: «Ректальни талламаш-м нийса хьаха бара, амма кху берзалоша шаьш стохка эцначу эсашца д1а-къевлира-кх шаьш х1аллакдинчу дохнан барам». Амма жоп делира:
       «Кхушара нийса ян хьовсур ду тхо».
   Ибрах1им цецваьлла ладуьйг1уш 1ара: стенна дуьйцу кхо соьга уьш? «Д1алаца хьайна, дан х1умма а дуй хьан?» — боху кхо соьга, я: «Суна ца к1ордийна моьтту хьуна иштта лела, суо тоьлар вуй хиъча, со вер вацара моьтту хьуна дуьхьал» — боху кхуо? Цхьаъ-м ду кхунна х1инца дагадеанарг!»
     — Ас х1етахь сайн дагахь долу-долу бакъдерг цаьршинга а, нахе а д1адийцина хиллехь, со тахана колхозехь коьрта лор хир вацара. Сайн ваша санна, цхьанхьа, сом мичара доккхур дара те-хьа, бохуш, Казахстан, а, Росси а мел ю хехкалуш лелаш хир вара. Ткъа и лелон сан могашалла яц. Кхоалг1а дакъа бен дац желудках дисина а, операцеш йинчул т1аьхьа.    Цул сов,  бераш а ду чохь ворх1-барх1, дуьйцуш къонахчуьнгахь товш дацахь а.
           - Къонахчо шен могашалла лерина ларъян еза. Иза бакъ ду. Нехан могашаллаш-м иштта мехала а яцара...
        Х1ан-х1а, Ибрах1им, хьо сох нийса ца кхетта. Ас дийцинарг-м х1инццалц со 1адда х1унда 1ийна хьуна хаийта г1ерташ дийци. Амма х1инца 1ийр вац. Хьо 1ахь а, 1ийр вац. Со цара вехь а 1ийр вац.
         Ма-дарра аьлча, кху хьалхарчу эха шарахь, жижигна даьхний д1алуш, и цомгуш дерш а д1алур ду моьттуш а 1ийнера со. Кхехкийна хилча, даа а ма мега церан жижиг, цомгуш хилла хилча а, цхьа ящур, си¬бирски язва тайпа цамгарш хилла ца хилча.
         Амма х1инца 1ийр вац. Ас кханнехьа докладной лур ду Грознера комисси йоьхуш. Со 1ийр вац х1инца, кху вайн районерачу хьаькамаша суо чуволлий-тахь а!
     Ибрах1иман даг чу г1еххьа йовхохьаьдира. Душалин баьшнаоза корта, ира беха мара хьалха санна дукха ц1армат а ца хеталора х1инца.
     — Мегар дац, Душали, стагана ша-шех хьожа а йог1уш лела.
Кху дуьнент1ехь уггаре а халаниг стаг ша-шех ца вашар хета суна.
Сох накъост хир ву хьуна, эшначохь.
Леккха хьалаайделлера беттаса. Гонаха дерриге а серла даьллера.





Ибрах1има ор чохь дина йозанаш:


     Вай дуьненан рицкъанна т1аьхьа а девлла, аьшпаш биттича вайн кегийчеран динах догдер ду, вай дуьйцург а, лелайнарш а дош а хетар дац. Т1аккха кху дуьненчохь хан яьккхина а х1у до? Бакъдерг а дийций, кхера а ца кхоьруш, ийза а ца луш, вешан чкъор дош хетийта вай вешан т1аьхьенна? Вешан заманан бакъдерг дита вай царна, шайн заманан бакъдерг царна шаьшна карор ду.

     Ваххабиташ, цаваххабиташ, бохуш, декъа а делла, вовшен ц1ий ца 1ено вайна федералин кеманаш а, танкаш а, зачисткаш а ца оьшура, Нохчалла оьшура. Нохчалла оьшура сунниташна а, шииташна а, католикашна а, протестанташна а, баптисташна а декъа а делла вовшашца мостаг1алла ца лело а, вовшийн ц1ий ца 1ено а.
      Иза д1адовзайта вай массо а дуьненна?
      Д1аоьцур цара, ца оьцур, - иза вайн карахь дац. Вайн карахь дерг а, вайн декхара дерг а – ваьшкахь долу угаре а хазаниг, хьомениг, эзаршенрийн къоргешкара охьа ца тосуш вай схьадеанарг дуьнене ма-дарра д1адовзайтар ду. Дахар дала кечделла, сатесна 1ачу оханна юьккъе вешан беркате х1у тасар ду. Кхидерг везачу Аллах1 – Дала ша д1анисдийр ду.

     (…) Партеш а кхуллуш, табарчашка декъадалар – бусалбан динехь къобалдина дац. Бусалбан умматехь волчу стага схьалаьцна коьрта некъ цхьаъ хила безаш бу – Аллах1-Далла т1е боьду некъ. И некъ муьлха бу стагана коьртачу декъехь шен кхетамо, шен эхь-иймано, шен Нохчалло хьоьху.
     Нохчаллех боьхначара бен кхийкхор дац вовшашна наь1алташ, бийр бац вовшашца т1емаш. И болх бойтург Йилбаз ду, цуьнан коьрта г1оьнча - ахча а ду.
     Ахча ду Йилбазо кху вайн йоккхачу пачхьалкхе хьовзайнарг. Ахча ду СССР йохайнарг, къаьмнашка вовшашца т1емаш бойтуш дерг, кху дуьненчохь дерриге а шен лаамца д1анисда Йилбазан аьтто беш дерг. Ахчано 1ехийна нохчий. Ахчано дохуш лаьтта вай вешан Нохчаллех.
     Тоьллачу, масийтта миллион ахча доккхучу машенаш т1ехь нахана т1ехула а хьуьйсуш, нахана куралаш а еш, нах баа а бууш маьждигашка а, зуькаршка а хехкалуш болу чиновникаш Кунта-Хьажин мурдаш бац, Йилбазан мурдаш бу. Кунта-Хаьажина, Дала къайле ц1инъйойла цуьнан, угаре а цадезнарг ду рицкъанца сов а ваьлла, нахаца кураллаш лелор, нах шел лахара, йорах хетар. Иза иштта, ма дара ца аьлча, стаг, хетарехь, Нохчаллех ваьлла ца 1аш, Сийлахь Везачу Аллах1 – Делах а валаран кхерам бу.


— Проверка ян баьхкина ца боху хкуна юха а? — кемсийн таьллингийн 1индаг1ехь йиллинчу тишачу дивана т1е а таь1на 1уьллучу Хансолтин керта веара Къосум. Булуш лаьттачу боданехь вовшийн яххьаш башха дика ца къаьстара шина къонахчунна.
— Яккхийчарех яцара уьш-м, — хьалаайлун кеп х1оттайна, жоп делира бухахь волчо.
— 1адда 1е. Меттах ма хье. Х1оккхуза охьалахло со, — схьатакхийна, цхьана г1анта т1е охьахиира председатель.
— Хансолтас заготконторин директоран болх бен иттех шо а дара. Оццул хан яра цуьнан шича Къосум председателан болх беш волу а. Кест-кеста дов долура шина шичин. Т1аккха вовшийн чу ца воьдуш, бутт а, шо а долуьйтура. Нах цецбовлура: х1ун ца тоьа те кхушинна мукъа, логгец даа а, мала а, т1едуха а, диса а хилча а? Цхьаъ дицдора лулахоша: х1ума йолчу стагана санна иза дукха цхьанне а ца езий! Дукха х1ума ерг бен сил ч1ог1а саьхьара ваьлла а ца хуьлий. Ткъа Хансолтий, Къосумий-м вовшашца хазза къовсавелла вара. Къаьсттина и шиъ марсаваьккхинарг цу шиннан ши зуда а яра.
       - Хазачу К1антаг1ара   (иштта йоккхура несо Хансолтин ц1е) арабски гарнитур эцна ца боху? — меттаха йолура Къосумниг. Йоккха юкъ ялале, шаьш а оьцура и гарнитур.
— Коляг1ар (и ц1е тиллинера Хансолтин зудчо Курсета) шайн ц1енонн тхов хуьйцуш ма бу! — карзахйолура Хансолтиниг. Сихха шайн ц1енош т1е а алюминийн эчиг тухура.
Массо х1ума а иштта хуьлура церан. Вовшашца къовсавелла эцна «ГАЗ-24» машинаш а лаьттара шинне а гаража чохь кхаа-деа шарахь а хохкуш да а воцуш, мекха а юлуш. Х1инца, бераш даккхий хилча, ерриге а вовшашца йолу яхь а, хьаг1 а царна т1е ерзийнера.
Школа чекхяькхяьккхина шайн бер, цо иза мел хала яьккхи-нехь а, дига а дуьгий, институте д1атосура. Юха уьш цигахь чекх-баха г1ерташ а ондда къахьоьгура. Иштта дукха хала чекхйолуш яра Орджоникидзехь лоьрийн институтехь Къосуман йо1 Луиза. Москвахь цкъа д1авоккхуш, юха д1ах1оттош, юьртабахаман ака-деми хала балийца чекх а яьккхина, республике схьахьажиинера Хансолтин воккхаха волу к1ант Ширвани.
— Д1а-м ца баха х1орш? — хаьттира Къосума, ша охьахиъна д1анисвелла ваьлча, хьалакхевдина, схьаяьккхинчу кемсийн хор-хане а хьоьжуш.
— Баха.
— Башха зен-м ца хили хьуна?
— Х1ун зен йийр яра цара-м мезгаша.
— Арз кхаьчна баьхкина бара х1орш?
— Бара. Евзаш яра суна уьш-м. Хьалха а яьхкина, леллера.
— Хьан яздина дийцирий кхара?
— Анонимка яра. Да виса, хууш делара. Со со вацар-кх хьуна, ас цунна чохь са дитича!
— Хьан белхалошха вуй те?
— Волчух тера ду. Ма-дарра яздинера. Бакъ дер-дерш. Бел-халочунна бен ***йла яцара.
Жимма хан елира ши къонаха вист ца хуьлуш.
— Хьуна а ваьлла ца боху цхьаъ? — ц1еххьана хаьттира Хан-солтас.   
     -    Мила?
— Законаш дика хууш верг. Цхьа бригадир ву боху-кх хьан чуьраваьлла хьийзаш.
— А-а, ю дер, цхьа мера1уьрг. Арз-м ца яздора цо, шен г1уллакх доцчу кхийда воьлла-кх.
      - Ишттаниг ву-кх и кхерамениг а. Наха лелориг а ца хууш, оцу книгашна т1е г1ерташ верг. Ишттачунна х1ун дан деза ца хаьа хьуна?
      - Х1а!? — сихха цуьнгахьа вирзира Къосум.
       - Жима а ма вацара хьо, хьайна соьга хьехарш дайттал. Цкъа цхьанхьара цхьа х1ума ядаяйта. Масала, я уьстаг1, я бежана. Я йол йохкийта, айхьа аьтту а нисбеш. Т1аккха карахь ма ву хьуна иза.    Хьо    шех    ийзалой    хаахь-м,   иза    боккъалла а    гена    вер вац!
       - Цуьнгара-м тамаша бу иштаниг далахь.
       - Х1ун хилла-а? Иштаниг дер да-ац? Хьуна ма воккха комму¬нист тарвели цуьнах! Гай долуш вац иза?
       - Ву иза-м партехь. Гай долуш а ву.
       - Вайшиъ вац ткъа партехь?!!
       - Ткъа х1ун де ас? Вен йиш юй сан иза, ц1ена вара аьлла?
       - ггаре а ц1ена ву ша бохуш верг вайн заманчохь уггаре а дукха езаш верг ву хьуна! Гарехь, 1овдал вац и хьан бригадир. Алссам езаш ву. Я хьалавала г1ерта, т1аккха шена дуккха а хир йолу дела. Доцца аьлча, иза х1инццехьа новкъара д1аваккха г1айг1а ца бахь, т1ьхьа бале вер ву хьуна иза. Урхаллин начальник а вац хьан хьаша? Райкомернаш а ма бу вайн доттаг1ий. Цхьанхьа кхечунхьа балха ваккхийта мезиг.
       - Шен бала боцчу г1ерташ вацахьара специалист-м диканиг хила мегаш а вара цуьнах.
       - Кхечух кхин а диканиг хир ву хьуна. Шен г1уллакх а хуун дерг, ша лелон мегар дерг а хуург дика вац хьуна?
       - Вара, къур1анор, ишттаниг хилча-м!
       - Хир ву. Х1ара вайн чуьра воккхаха верг а ву вайн респуб-ликерчу министерствон распоряжени схьахьажийна. Хьой, и хьан хьаькаммий хьажахь, ц1ехьа схаверза атту хила мегар-кха цуьнан.
       - Дела дуьхьа, ма бакъ лоьра хьо! Со-м иза цхьанхьа кхечу бахаме д1ахьажийна хир ву моьттуш вара хьуна. Со-м кху керта вог1уш а ма веара, цунах дерг а хоттур айса аьлла...
       - Веанехь, хоттур дара ахь, со 1аххалц а ца 1аш. Иштта долчу х1уманна г1айг1а беш лелаш да товш вацара. Гергарнаш товш бара. Паккха осал ца хуьлура иза нахана гергахь а. Цул сов, вай вешан сий дой хиъча бен дийр дац вайн сии наха а.
       - Дера, иза нийса-м ду. Цунах цхьа стаг хилахь, вайн ву-кха иза! Ца хилахь, т1аккха а вайн кочахь ву-кха. Цунна меттиг яккха г1айг1а-м ас бийр бу хьуна.
  Цхьа ши шо хьалха наха алссам аьрзнаш а дина, Къосум бал-хара д1аваккха хьовзийнера. Эццигахь дика г1о лецира Хансолтас. Х1етахь дуьйна Къосумна ша Хансолтийна декхарехь хетара. Цундела Хансолтас кхуьнга ша олуш дерг а эвххьаза олура, х1ара иза ца дича ца волий шена хуу дела.
Даккхийчу, еттинчу кибарчигех динчу ц1еношна хьалха 1уьл-лучу кухни чу эккхаш, ара эккхаш кху шиммо х1ун дуьйцу-техь, бохуш, лергаш ирдина лелара Хансолтин х1усамнана Курсет. Цхьа хан яьлча, хиъна 1ачу шинна хьалха 1уьллучу стоьлана т1е шар-шу яржийра цо. Кухни чуьра схьа кхорзучу жижиган хьожа еара.
  - Хьамиде х1умма а ала оьший ас? — хаьттира Хансолтас.
       -Х1ун «х1ума?» — ца кхийтира Къосум.
Оцу к1антах лаьцна. Хьан иза балха х1оттон аьтту хир ба цахь, ас бага жим-т1ама х1ума а кхоьссина, Хьамиде цхьанхьа д1а-нисвойтур ву иза-м. Вуьшта, шен юьртахь дерг атта дара-кха.
— Ца оьшу. Цкъа х1умма а ма леладе ахь. Цхьанхьа дГанисва хьожур ву со.
— Вала-алай, Коля ма переживать дойту-кха тхоьга оцу к1анта! — юкъаиккхира Курсет. — Ма ц1а вернуть ван везаш вара-кха иза. Цкъа доладо, ша цигахь, Москвахь аспирант хила воллу олий, что ему городская жизнь больше нравиться до. Хьуо волчу устроить вехьа иза боккъалла а. И вайн первый секретарь бохург, Хьамид а ву хьуна кху стага аьллачунна т1ех вер воцуш.
— Хьада ялол, хьайн юург кечъел ахь, хьайн бала боцчу а ца Нерташ, — т1ечевха сурт х1оттийра Хансолтас.
—Бу дера сан-м бала. Есть у меня тоже бала! — сетташ, халла ког боккхуш, юха а кухни чу яхара Курсет. Иоккха хан ялале, ялг1у а дахьаш, юхаеара: — Коля, хьо балхара снять а вайтина, председатель хила воллу ша, бохуш, слухаш пускать деш ву ма боху цхьа модаша  бригадир.
— Бохий-ц?! — ца вашарца, оьг1азе велакъежира Къосум. — Бахахь, хир вай цунах-м председатель а.
— Хаац, ша шайн мезий доьхкина ца хилахь-м, хир моьттуш яц со. Ишттанаш вообще оьшуш а бацара принимать на работу... Яийша, ма шелъялийтийша, чай дохьу шуьшинна, я хорбаз будете кушать?
— Чай, хорбаззий тГаьхьа яхьар ахь. Оцу холодильника чохь к1айниг дуй хьажал. Шийло ю кху арахь-м, — вистхилира Курсе-тан ц1ийнда.
Къаьркъано мотт баьстинера шина къонахчун.
— Хьаша веаний хьо волчу кесталг1а? — хаьттира Хансолтас Къосуме.
       - Муьлхарниг, обкомерниг, я министерствераниг?
— Министерстверниг, обкомерниг-м башха тешаме а вацара хьан. Цхьаъ 1отталахь, куьг а ластийна, юьстаха вер волуш ву, шена х1умма а ца хаьа, аьлла. Министерстверниг д1а ма херве ахь. Иза ларва везаш стаг ву. Жижиг, даьтта х1ума йохьуьйтуш х1ума дой ахь цунна?
  - Йохьуьйту, дера-кх. Аьхка цунна т1аьхьа Соче а    ваханера.
    - Реза хилирий х1ара, хьо т1аьхьавеана?
    - Хаац. Цхьаъ гергга сом-ком а йитира ас цуьнан номера чохь.
   - Сица дала кхарна! Ма «тоьар ду» эр дацара, д1а мел дели а.
   Шина къонахчо дуьйцург цхьа а дош а шен лергана т1ех далар-на кхоьруш, кога буьхьгаш т1ехь лелара кухни чу йолуш, ара йо-луш лела Курсет. Цуьнан коьрта чохь карзахъяьллера цхьа ойла: «Ванах, х1оккхул таро а, доьналла а, лакх-лакхахь гергарлонаш а долуш волу ши къонаха х1унда 1а шаьшшиннан дош кагдинарг кхоьссина д1а ца воккхуш, ластийна юьстах ца кхуссуш?.. Ибрах1им бохург х1ун ю, мера1уьрг, пис?!!»
— Ванах, вайн Ширванис яьккхина академи на много выше яц оцу Ибрах1им бохучо яьккхинчул? — шуьн чохь хорбаз а яхьаш, улло еара Курсет.
      - Ю дер. Дера ю, — элира Къосума.
— Вайн луларчу районера цхьа йо1 а ю боху иза везавелла. Иза мила ю хаьий хьуна, стаг?
  - Мила ю? — хаьттира Хансолтас.
— Г1аларчу Децаг1ера к1анте ца еана бохуш, вайга йийцинарг ю-кха, Лайса бохуш...
— Дера, оцу боьхачу х1умане йодахь-м г1уллакх толо хьуна цуьнан, — къежира Къосум. — Х1ан, ма вийцал, витал иза. Шир-вани-м д1анисвийр вара вай цхьанхьа, мичча нисвина а.
— Хьада д1аяло, хьайн г1уллакхе хьажа! — т1ечевха сурт х1от-1 тийра Хансолтас юха а.
Кухни чу яханчу Курсета ойла йира. «Дика ду, со д1а-м ер ю. Амма ас дан деззарг-м дийр ду...!»
— Шийла ю х1инца суьйренаш. Чуг1о вайшиъ? — хаьттира Хансолтас.
— Х1ан-х1а. Д1авахана, д1авижа воллу со. Дика ду-кха и хьуна баьхкинарш кхин башха зен-зулам ца доккхуш, д1абахана, — хьа-лаайвелира Къосум.
— Д1аг1о, делахь. Оцу к1ентан г1уллакх ца дицдер-кха ахьа, — хьалаг1аьттина, Къосум д1авахийта, т1аьхьах1оьттира Хансолта.
— Ой, Коля! Вала-алай, сан чай а ма ду схьадаьлла. Чай а ма-лий г1охьа, что ты так торопишься? — т1аьхьаелира Курсет а.
— Поза молийла. Д1авоьду со. 1адика йойла! — кел арахьа велира председатель.
   Бода къовлабеллера. Бессачу, наггахь болчу б1ог1амна т1ехь бен чиркх ца богучу урамехула хьалавог1ура Къосум. Ойланаш йора:
   «Ванах, х1окхарна а новкъа веана-кха и Ибрах1им. Наха вий-ца ваьккхина ма хилла иза-м. Х1инца-м наха, со ца везачара, вуь-тур вацара иза».
    Шен ницкъ ма-ббу дуьхьалволий, шена хьесталур волу стаг бен балха ца оьцура председателе.
    Лерина къастадора жоьпаллин балха вог1учу стеган тайпа-тукхам. Шена улло валош верг, я шен тайпанах, я шен ненахойх, я шен захалех верг бен ца валон г1оьртара. Шена мичча а мотт хьокху болу, ц1уьх1ар тайпа стаг а воккхура улло.
      Т1аьхь-т1аьхьа кхин цхьа х1ума а карадирзинера председа-тельна: юьртбахамца г1уллакх догГуш воцу а, мичча кхечу балха стаг х1уттучу г1уллакхна юкъа а гГертара, шена бохкабеллачу хье-шашна тГе цхьацца харц некъаш а кхоьхьуш. Шен колхозана юкъа йог1учу ярташкара цхьа а стаг лаккхарчу г1уллакхе ваха ца лаьа-ра председательна. Цунах шен мостайа тарлора. Амма, жимма а шел лакха ваьллачунна хьеставала х1уттура. Цуьнга гергарло хьа-хадора.
Амма цу г1уллакхаша, ша бечу балхал а сов к1адвинера, х1от-тийнера Къосум. Дерриге а ца нислора цо ма-боххура а, цунна ма-луъура а. Нахана гучу ца довлуш ца дисира Къосума балха т1ехь лелон бозбуанчаллаш. «Ванах, со д1авалахь, сан т1аьхьенна а не1алт бохур ду-кха кху наха», — ойла йора цо.
Ма-дарра аьлча, цкъа тахана башха холчах1оьттина хьийза бахьана дацара Къосуман. Хьаькамашца (массаьрца бацахь а) барт бара. Амма Къосумна шерра хаьара, шен ц1е йоккхуьйтург а, шех нах ийзаболуьйтург а х1ун ду. Иза дара хьарам гулдина ри-цкъа. Шен дукхахболу доттаг1ий а — шен кисанан доттаг1ий буй хаьара председательна. «Шайн дена не1алт хилахьара кху нехан-м. Х1орш-м, сан ког галболучу далахь, берриш а юьстах лелхар бо-луш бара, уггаре а хьалха суна мотт хьоькхуш леларш а лелхаш. Сайн дуьхьа ваха веза. Т1етаь11ина, карайог1ург схьаяккха еза... И Ибрах1им боху мера1уьрг а, хьажахь! Ванах, х1ун еза техь цун¬на, боккъала а? Иза-х ас хьаьстина, къежина, сайн к1ант санна т1еэцнера. Х1ун ю х1инца цо лелориг? Х1ун хьашт долуш лела? Цхьамма ирах1иттош хир ву. Ву дер! 
Меллачу къаьркъано хьалха самукъа доккхура Къосуман. Хьалха могашалла яра. Къоналла яра. Дог дог1ура. Воккхавера шен балхах а, шен таронах а. Х1инца, х1ундда делахь а, къаьркъа мелча а, самукъа даларан меттана, дог духура. Шена х1ун ду а ца хууш, кхоьрура т1ейог1учу къаналлех, шегара болх д1абаьлла, ша цхьаъ вуьсу волчу дийнах. Даго хьоьхура, къанвелча цхьаммо а сий дийр дац-кх шен, бохург.
Ша масийтта шарахь болх беш юьртана оьшу цхьа а г1ишло ца яйтинера председатела. Ч1ог1а ледара дара некъаш тодар, хиш далор. Цхьа а т1ай а ца тиллинера. Наг-гахь т1екхеттачун метта йоцург, кхин производствон г1ишло а ца яйтинера. Х1етте а, къайллах шифер, цемент, уй, кибарчигаш кхи-йолу г1ишлош ен материалаш мел йохкийтина. Хьанна йохкийтина? Нахана йохкийтина. Ткъа и нах берриш а дийна ма бу! Церан шайн хьацарш эххар а мерах дер ма ду суна... Нах 1овдал ма бац, шайн дена не1алт хиларш! Уьш байа йиш ма яц. Ша лийр ву на¬хана кураллаш ян, нахе харц лен воьлларг...
Стоп! Лийр ву? Сой? И х1ун ю тховса суна коьрте оьхурш? Со-х кху нахана т1е а хиъна 1аш ву. Сан дош кагдан, сан г1уллакх дохон мила ву кхарна, мезигаш-на, юкъахь? Суна мотт хьоькхуш лела заддаш! Дозалла хета кхар-на-х ас шайга сайна мотт хьекхийтича а!
Аддаме а вист а ца хуьлуш, чувахана, юрг1анна к1ел а воьлла, д1авижира Къосум.
**
Ша дипломана язбина хилла болх схьа а лехна, тайп-тайпана книгаш а, журналаш а т1ек1ал а диттина, тховсалера суьйре цхьацца х1уманаш карладохуш яйа догхилла воллура  шен ц1а охьавеана Ибрах1им.
Учахь цхьаннан когийн татанаш девлира. Ибрах1имна хиира иза шайн доьзалха стаг воций: кхуо дехнера ша тховса хье цавар.
— Оссоло-о-ом 1алайкум! Дика мел дерш кху чу! — мохь туьйхира чоьхьаваьллачу Сайд-Мохьмада.
— Ва 1алайкум салам! Мохь а ца бетташ, волахьа, ахь-м лергийн поттарчий лоьлхуьйтур ма ю!
— Х1умма а хир дацара хьан лергашна-м. Лелхийтахь а, тодийр ду вай.
      - Къосуман ши дог санна, бохий ахь?
 - Хьа-хьа-хьа!..  —  велавелла,  г1адвахара  Сайд-Мохьмад.
— Валлах1, ца моьттура суна, ахь цунна и дийр ду. Делор, вара со ахь забар йо моьттуш. Боккъалла а аьлча, ас дойтур дацара хьоьга иза...
  - Х1ун?
— Иза больнице охьавижор. Нийса ма дац иза цхьана а аг1ор а. Лоьрийн дуй бицбеллера хьуна?
— Вуй! Хьо хьуо вацара иза цхьана к1иранна новкъара д1аваьлла велара, баьхнарг?
       -Велахь а, нийса а, хаза а ма дацара иза...
— Шек а ма вала хьо, доттаг1а. Ас айса а лелор дацара цунна харц дарбанаш, я цуьнан могашаллийна зен хир долу х1ума, ахь леладе баьхча а! Цуьна-м гипертония ма ю. Ас профилактикийна вижийна ма вара иза охьа. Ши дог ду-м, ас иза охьа ца вуьжуш, дуьхьалвалахь а аьлла, элира цуьнга. Шоллаг1чу дийнахь тевира ас, иза цхьаъ бен дац аьлла. Цул сов, дика дарба а лелийна ара а валийтира. Так что, вайшиъ юьхь1аьржа х1отта оьшуш х1умма а дац хьуна.
       - Дика ду, иштта делахь-м. Суна-м дикка вас хиллера оцунах.
— Доттаг1а, д1аяхал кху стоьл т1ера и книжкаш. Схьаэцал шахматаш. Сан цхьа къамел а ду хьоьга дан дезаш, — гоьл т1е ког а баьккхина, диван т1е д1атаь1ира Сайд-Мохьмад.
— Х1ун къамел ду иза? — шахматаш схьаэца, шкафана улло вахара Ибрах1им.
— Хьан нанас  Сепета цхьа бала а балхийна суна. Вуьшта, сайна цхьа х1ума дага а деана сунна
       - Х1ун ду иза дан мукъане а?
— Иза дера ду хьан ерриге а г1айг1анаш а, берриге а баланаш а элп алале д1абевн болу х1ума.
— Вуй! Ахь схьадийцарехь, со вен доллу-кха шуьшиъ.
— Х1унда?
— Муха «х1унда»? Веллачу стеган бен бовлий берриге а баланаш а, г1айг1анаш а д1а?
— Харцахьа ма даккхал ахь, доттаг1а. Ас х1инца аьндерг хьайна хиъча, т1емаш девр дара хьуна!
— Дийций валал, т1аккха. Иза-м тамашийна х1ума хила герга ма ду.
— Ладог1ал, делахь. Дийцаза дер дац хьоьга иза. Вайн рай¬больнице кхушара Астраханера медицински институт чекх а яьккхина, цхьа йо1 еана, хазалла «ткъарш-ш» аьлла, эккха йоллуш. Кегийчу наха яла а, йола а юьтуш а яц, шегий-шегий йола бохуш. Ц1е мел тамашийна ю — Лолита! Ткъа доллучул а коьртаниг — хаал х1ун ду?
— Хаац суна-м, ша дашон варкъ даьккхана яцахь, кхин ахь иза хастош ала дисина х1ума-м дац.
        - Ду.
       - Х1ун ду?
— Вайн районан юьртабахаман управлении начальникан Висайт Хумидовичан цхьаъ бен йоцу йо1 ю-кха иза!
— А-а, кхийти. Со стунден т1ома к1ел воллар ду-кха ахь «ер-риге а г1айг1анаш а, баланаш а д1адевр ду» бохург?
      - И-мен-нно!
 - Цхьана х1уманан ойла йиний ахь?
       -Стенан?
       - Иза г1аз санна 1овдал хилахь, х1ун дан деза?
      - Вуй, 1овдал муха хуьлу институт а яьккхина, ц1а еана йо1?
      - Хьо ца хууш ву цхьаболчара и институташ муха йоху?
      - Иза-м бакъ ду. Деша хала дуй, аьлла, шега хаьттича, хала-м дацара, механа деза дукха, — аьлла боху-кха вайн мацах хиллачу хьалхарчу секретаран к1анта а. Делахь а, хаа таро ма ю йо1 хьекъалца муха ю. Ас цхьа масал даладе хьуна?
        - Даладел.
        - Мацах, 1едал даккхале хилла иза. Мехкадаьтта вайн мах-кахь гучудаьлла хан хилла. Нахера йоррах латтанаш схьа а оьцуш, уьш 1аламат деза Чармоевг1арна д1а а духкуш, инзаре дукха рицкъа гулделла стаг хилла Бух1ан юьртахь 1аш, Обубакар ц1е а йолуш. Цхьаъ бен воцу к1ант хилла цу Обубакаран. Дукха къа-хьоьгуш хилла цуьнан гергарчара а, уллорчара а цунна далон нускал ца карош.
    Цхьана юккъехь хезна царна, Атаг1ахь цхьа исбаьхьа хаза, кхеташ, оьзда йо1 ю аьлла. 1аьрбинн махкахь дешначу ц1е йоккхучу стеган йо1 а хилла иза, ч1ог1а бусалбанан ойланехь кхиийна.
        Вахана т1аккха Обубакаран кура к1ант, ши пайтон а йоьжна.
  - Шиъ х1унда йоьжна кхара? — хаьттира Ибрах1има.
  - Вуй! Куралла йоьжна-кха! Вог1уш волу к1ант мила ву хаийта! Ши пайтон кет1ахь а сацийна, шайн хьешийн х1усаме а воьссина, йо1 схьакхайкхийтина шина къонахчо.
Чоьхьаяьлла, маршалла а хаьттина, сонне д1ах1оьттина йо1. Назбарш т1е д1а а гаь1на, куралла ворта сатто а ца вешаш, 1аш хилла к1ант. Йо1аца къамел дан волавелларг а цуьнан накъост хилла. Важа-м вистхила вешаш а ца хилла.
— Йо1, тхойшиъ ишта а, вуьшта а веана а ву, инзаре доккхачу хьола т1ера веана а ву, х1инца оцу д1ога 1ачу накъостана дига нускал ца карош лелаш а ву. Нагахь ас деллачу хаттаршна хьуна жоп дала хаахь, хьо оха йига а мега, — аьлла, къамел дина к1ант-стеган накъоста.
— Х1ун дер, ткъа. Къахьегна-кха ашшимма, со бахьанехь. Жоп а лур ду ас-м сайга хаьттинчунна, сайна хуург, — аьлла йо1а.
— Дика ду, делахь. Шийтта х1ун ду? — хаьттина курачун накъоста.
— Хаац суна-м, шеран шийтта  бутт бацахь, — аьлла йо1а.
— Нийса ду. Ткъа пхиъ х1ун ду?
— Пхиъ — вайна дала диллина долу пхи ламаз хилар герга ду.
— Исс х1ун ду?
— Исс дуьне ду олуш хезна-кха суна.
— Ворх1 х1ун ду?
— К1иранан ворх1 де хила мега-кха иза.
— Азаллей, абадей бохург х1ун ду?
— Заманан шина а аг1ор йистйоцу барам бу аьлла хезна-кха суна иза сайн дегара...
— Шиъ х1ун ду?
— Дей, буьйсий. Харцой, бакъой. йовхой, шелой. К1айн, 1аьр-жий. Дахаррий, валаррий. Дуьненан йист, кхачо йоцу къийсам, дол-лучу дуьненчу кхоьллинчу х1уманан ши аг1о ю аьлла хета-кх суна шиъ.
— Дика ду делахь. Цхьаъ х1ун ду? — Наьххьара а хаьттина йоь1ан хьекъал зуьйш волчо.
Пеххьа хан ялийтина йо1а жоп ца луш. Т1аьххьаре а аьлла:
— Суна-м хаац цхьаъ х1ун ду, ша оцу д1огахь аркъал ваьлла
1ачу оцу хьан накъостан ц1ога дацахь.
    Вагийча санна хьалаиккхина, д1асахьаьвзина ши накъост. Бийларан г1уг1 хьаьдда не1арехь оцу къамелашка ладоьг1уш лаьттачу нахана юкъахь. Юьхь1аьржа х1оьттина шиъ сихха, шаьш-шиннан ши пайтон а хаьхкина, д1авахана. йоллучу а Нохч-Пал-г1айчухула д1асадаьржина АтагГарчу йо1а делла жоп. И жоп хаза хеттачара йо1ана совг1атна ахчанаш тийса долийна.
  Цхьа шо даьллачу хенахь цу йо1а кехат яздира боху шена веана хиллачу к1анте:
        «Хьан ден хьал-м мехкадаьтта доккху латтанаш дихкина хьа-ладаьллера.  Шуна  цунах дала  беркат дойла.  Тамашийна  х1ума цхьа кхин ду — сох а хуьлуш лаьтта хьалдолуш йо1, и хьан ц1ога беркате даьлла...»
   Хьанна хаьа, иштта хьекъал долуш хила а мегий Лолита-м. Вайшиъ а г1ур ву-кх цунна экзамен х1отто...
 - Г1ур дац вай цхьадерш-м.
 - Х1унда?
— И йо1 дика а, хаза а, хьекъал долуш йо1 а хила мега. Сан цунна ала х1ума дац. Иза г1оза ехийла. Вуьшта, иза Висайт Хумидовиче со маре воьдуш санна х1ума хуьлу цунах. Со цкъа а ваынна вац стунцахойн дикане сатуьйсучу невцарийх. И захалу ца дер вай, доттаг1а!
— Осто-опирулах1! Кхоччуш 1овдал стаг ву-кх хьо стаг. Айхьа и захалу дича Къосуман  а, хьуо мел ца везачеран а догдаьтЛа, букъ каглур буй ца хаьа хьуна?
 -Кьосумг1арна-м хазахетар дара ас и захалу дича.
 -Х1унда?
— Муха «х1унда»? Ца кхета хьо? Со церан стаг ма хуьлу, ца-рех д1акхетча.
— Хилча хир вара-кха. Атта вехар вара-кха, х1уманна а бала а боцуш.
— Хьо боккъалла а луьйш вуй? Ахь ойла ян а йой айхьа дуьй-цучун? — леррина Сайд-Мохьмадан б1аьргаш чу хьаьжира Ибрах1им.
— Хаац суна-м. Хьайна луъург дехьа. Со-м хьан ненан  Сепетан  дуьхьа а г1ертара. Цуьнга а йийцинчух тера ду и йо1 цхьамма.
— Хаьа суна, дена-нанна шайн бер мелла а к1езиг халонаш, г1айг1анаш йолуш даха лаьий. Ткъа суна дийнахь а, буса а дуьхьа-лара ца йовлу мацах т1ом балале масех район лаьттина, х1инца яссаелла меттигаш. Замано 1арждина х1ора чурт, маьлхан каш, б1ов сайга кхойкхуш санна хета. Уьш-м вайн уггаре а исторически меттигаш яй. Вайн къам кхолладелла ага дай иза-м. Муха юьтур ю и меттигаш, сил сий дайина?!
        Хьуна ма-мотталахь, со бригадир бен вац. Бригадиран боллучул бен сан ницкъ бац. Сан-м кхана 1уьйрре 1илманан белхахо хила таро яй. Хаза а хеташ д1аоьцур ву со Орджоникидзехь аспирантуре. Ерриге а советски а, бахамал-лин а, партийни а органаш меттах а яха таро хир ю, цкъа экономи¬чески лерамаш а беш, сайн 1илманан болх язбина ваьлча.
   Кхетал хьо, доттаг1а, хьалхе ма ду суна сайн ген бен г1айг1а а йоцуш, лела. Оцу лаьмний-м кхин да ваций, вайшиъ а, вайшиъ саннарг а бен. Пала охьа а хевшина, цхьа Багдарянаг1ар бу цу доллучух а кхеташ. Амма дог ца лозу. Церан х1унда лаза деза дог вайн исторически кхерчах, вайн духовный хьолах, вайн вешан а ца лезча? Ткъа къуддузаг1еранний, иза санна болчеранний психологи муха ю-х вайна хууш ду. Со дагахь вац хьуна цхьанний а ден а букъа т1ехьа лечкъа а, цхьаний дех кхера а   бакъдолчунна т1ехь!
      Далла хастам бу, и бакъонан некъ нийсса оцу Москва чуьра схьа-бог1уш болуш. Ваха меттиг ю, ца хуьлчу даьлча... Сайд-Мохьмад дуьхьал вист ца хуьлура.
— Тамашийна х1ума а ду хьо цу доллучух а цакхетар! Хойбахара цхьа хьехархо йо1-м ма кхета цу доллучух а, вайшиннал а дика!
— А-а! Кхета боху ахь? Х1ета, йолуш ю-кх вайщинна Хойбахахь цхьа ламаро? — къежира лор.
— Ламаро яц. Вайн луларчу районера ю. Х1ан, дуьтур вай-шимма иза. Кхин ахь соьга а ма хетта, ас хьоьга а дуьйцур дац. Зшначохь, ас накъосталла доьхур ду хьоьга. Дика дуй?
          - Дика ду, х1ета, — реза хилира Сайд-Мохьмад. Ибрах1им  шахматийн  фигураш д1асах1итто  волавелира.
 

**
        Х1ара картолаш а, керстанийн даар ду бохуш, т1е ца лоцуш хилла вайн наха мацах заманчохь. Помидораш-м дукха хан йоццуш бен вайна юкъа евлла а яц. Соьлжа-г1ала базара ваханчохь, ца хууш шен мачано помидор хьаьшча, и мача ц1анья г1ерташ хилла цхьаццаверг, ламаз дан мегар дац бохуш. И цхьадолу х1уманаш-м вайна юкъара д1адовлуш дика а дара, — къамел дора Обу1елис. Бешахь картолаш схьаохкуш воллура Обу1елий, Ибрах1иммий. Х1инццалц кхаьршинна т1аьхьара картолаш схьалехьош а 1ийна, юург охьайилла чуяханера Зебирт.
— 1овдал, шира х1уманаш-м жим-жимма довлуш, д1адевр дара вайна юкъара. Вуьшта, кху замано оьцуьйту амалш а яц ерриш а-дика. Масала, хьаькамна мотт хьекхар, спекуляци, кхаьънаш да-лар, шалхонаш.
— Дера, иза а нийса ма боху ахь, — т1етайра Обу1ели, — ахчанехьа йоьрзуш ма лаьтта х1ара зама т1аьхь-т1аьхьа. Дукха мел хили, кхин а алсам деза-кх и ахча нахана. Пеххьа долчух тоам а бина, кху дуьненан хазаллех, адамийн дегнийн дикаллех баккхий а беш, 1ан ца хаьа-кха цхьаболчу нахана. Ахча шайн хилча, дерриге а д1анисло моьтту. Оцу ахчано-м стаг дакъаза воккхий. Хьан дук-кха а ахча дуй хаалахь, уггаре а хьалха хьайн чуьра доьзалш,. йиша-ваша мостаг1ий хуьлу-кха хьан! Ма дукха бевза суна кху лакхенгахь а, лахенгахь а цу ахчанаша х1алакбина нах. Варийлахь, Ибрах1им, хьайн даг т1е ма яийталахь, ахча а гулдина, на¬хана т1ехула айлур вара хьуо, боху, сонта ойла!

— Ца яийта хьожур ву со, — велакъежира Ибрах1им. — Обу¬1ели, колхозо йийча хир ярийтехь иштта картолаш, я шатайпа х1у ду х1ара хойбахоша лелош? — хьала а таь1аш, воккхачу стаге хьаьжира иза.
— Миччара, шатайпа х1у! Цхьа а х1у а ца къестош, шен ка даьлла-даьллачо бен-бен а йоцуш д1а1уьтту. Х1етте а, дика кхиа а кхуьу. Евр яра дера оцу ахь ахийтинчу лаьттахь-м дукха дика кар¬толаш.
— Делахь х1ета, леррина х1у нисдича-м, 1аламат дика карто¬лаш хила декхар ду кхузахь.
   - Дер ду. Цуьнан шеко яц.
  Ибрах1имна цкъа а ца гинера иштта яккхий, хьийкъина карто¬лаш. Цуьнан дог деладора цу балхо. Тешавора, ша ахийтина латта эрна девриг цахиларх.
«Ма вон х1ума ду-кха и планаш лакхара чу яхкийтар, — ойла йора бригадира.  -  Колхозхошна шайна дика ма хаьа мичхьа х1ун йийча х1ун кхуьур яра, муьлха культура йийча санехь хир дара. Ткъа х1инца муха хуьлу: чуйоуьйту лакхара план, х1оккхул, х1ара тайпа продукци схьало пачхьалкхана, олий. И план кхочуш яре терра до сий а. И план йичхьана, харцонаш лелорах бен башхалла а ца хета... Меллац д1аг1ур ду хаац х1ара иштта».
— Х1ара хойбахойн мохк цхьана ден долахь хилча, муха пайда оьцур бара техь цо кхунах? — хаьттира Ибрах1има. Обу1ели шен карарчу бела т1е а вазвелла, са до1уш сецира:
       - Дера доллу, Ибрах1им, кху лаьмнашца дукха рицкъа, иза схьаэца хуучунна. И д1огара  кондарш,    к1охцалш    девлла, яйна лаьтта басеш гой хьуна? — куьг хьажийра Обу1елас.
   - Го.
— Уьш ерриге .а мацах цанаш хилла ю хьуна. Х1инца церан 1уналла дан да вац. Уьш яйна лаьтта. Лахо-охь, аренга охьакхачале, наха шайн кхотаршкахь дийна 1аламат дукха боча-б1араш дара. Х1инца уьш, дерриге а бохург санна, къан а делла, охьадет-таделла, дГадевлла. Керла синтарш цига дуьйш аддам а вац. Пхи-ялх шо хьалха лесхозо 1иттира дуккха а синтарш, амма 1уналла а ца дина, бежнаша уьш дерриге а диъна д1адаьхна. Уьш дуьйш пач-хьалкхо йина харж а яйн хьуна, шайт1анан мох санна. Цхьа да велахьара хир дарий иштта? Хир дацара. Х1инца адамашна бен а ма ца хета. Цхьа бахьана лелийчхьана, схьалуш алапаш ду. Шен балхах дог а лозуш, цуьнан т1аьхьалонан бала а болуш и болх бечунна а масала, пхийтта туьма ду баттахь. И болх ца бан г1ер-таш, бахьанаш лелош волчунна а изза пхийтта туьма ду. Ткъа бийр буй и болх доггах? Бийр бац, шина-кхаа шарахь бахь, кхин-м.
         Куьйгех туйнаш а тоьхна, юха а ахка х1оьттира Обу1ели.
— Суна гуш ма ду ахь лелориг а, хьо дан г1ертарг а. Хьо 1едало ма-бохху, цунна пайденна доллучу аг1ор болх д1акхехьа гГерта кху бригадехь, И муьлххачу а хьаналчу белхахочун лаам ма бу. Амма, гой хьуна, пкрсидатал хьоьца ийг1ина... цунна ма ца оьшу хьан хьанал ойланаш. Цунна ша бох-бохург а деш, шен зурманна к1ел хьо хелхавийлар лаьа. Лаьа, шел лакхарчу хьаькамашна хьал¬ха изза боьрша доцу хелхар дан ша 1емина дела. Вешан мехкан дай ма хила боху-м хир дац хьуна вайга 1едало.
— Иза нийса боху ахь, 6бу1ели, — къежира Ибрах1им. — Дешна велахьара, цхьанхьа лаккхарчу балхахь товш хир вара хьо.
— Со дешна а волуш и хабарш ас дийцича, со хьала-м хьан волуьйтур вара, — велавелира Обу1ели. — Хьалабовлуш берш муьлш бу хаьий хьуна?
       - Муьлуш бу?
— Лаккхахь гергарлонаш а, таронаш а ерш. Цул сов, шена зене хир вац аьлла хетча, цхьа пекъар а озаво хьаькамо шена улло. Ца озаво, шен дош а хадор долуш, кхетам а, хаарш а долу къонаха-м. Ишттачух кхера ма кхоьру иза. Бакъ ца лоь со? — хьала а таь1на, Ибрах1име хьаьжира Обу1ели.
— Дера, цкъа кху сохьта вайна юкъахь долу х1уманаш-м ду уьш, — т1етайра к1ант, — амма кхид1а а х1ара г1уллакх иштта галдаьлла д1аг1ур ду аьлла-м ца хета суна.
        - Боккъала а бохий ахь?
— Дера боху! Цхьа хийцамаш ца хилахь, т1аьхьайисина йог1у вайн планаш х1итторан кепаш а, бахамалла лелоран ерриге а сис¬тема а.
— Ас юург охьайиллина-кх х1инца, — мохь туьйхира, чуьра араяьллачу Зебирта.
— Д1авог1у х1инцца, х1ара цхьа маь1иг чекх а яьккхина, — д1акхайкхира Обу1ели.
— Цанаш кондаргех д1ац1анъяр, басешка боча-б1араш, стоьмаш бер — иза нийса хир дара. Бажа, уьстаг1ий совдахар, царна кхузахь 1а даккха фермаш а еш. Картолаш лелор — иза а санехь хила мега. Кхин х1ун далур дара кхузахь, Обу1ели?
— Кхузахь накхарш лело таро а яра, лелийча. Ч1ог1а пайдехь а дуьйцу кху ламанан бецах даьккхина моз. Говрийн барам а алсамбоккхур бара, лиъча. Мацах эзарнаш эмалкаш лелла метти-гаш ма ю х1орш. Уьш лелош наха шайна башха харж еш а ца хилла.
Баккхийчу нахаца къамеле мел волу дог-ойла карзахъюьйлура къоначу бригадиран. Шена мел хеташдерг бакъ карадора. Шен аьтту хилча-м, х1ара дерриге а лаьмнаш а экономически деборан цхьа йоккха, массо аг1ор а юьстина, теллина программа х1отта-йойтур яра Ибрах1има. Амма иза шен карахь доций хаьара. Кдуь-нан таро цхьана бригадан дозанна юкъахь яра. Аьлча а, Ибра-х1имна ю моьттура-кх. Де-дийне мел дели г1еллуш латтахь а, пред-седателх болу тешам а берриге а д1а ца байнера. Гена даьлча, парткомо а шен г1о лоцург хиларх тешна а вара.
— Х1ан, вели вайшиъ. Валол, х1ума яа! — хьалхаваьккхира Обу1елис Ибрах1им.
— Тамашийна, хаза лаьтташ гуьйре ю вайна, — билгалдаьккхира Ибрах1има, шаьш юург яа охьахевшича.

— Хаза хьаха хир яра х1ара, далон дийцина къона нускал делахьара, — забаршка велира воккха стаг.
— Къоначу нускална, хьаха, веза къона майра! — ца 1аелира Зебирт 1оттар ца йича. Иза ца кхийтира Обу1елис дуьйцург Ибрах1им меттахаваккха лууш дуй.
— Лайсел оьзда, г1иллакхе, хаза йо1 еана яц-кха кху Хойбаха со кхеттал хилчахьанна! Ма ч1ог1а гергарло ду-кха цо соьца ле¬лош дерг, — къадийра воккхачу стага. Ибрах1им, вист а ца хуь-луш, х1ума юуш воллура.
— Сох шен б1аьрг кхетташехь, т1ейог1ий, мара а кхета. Ма эсала, тайна йо1 ю-кха иза, боккъала а. Деца, ненаца 1аш яц аьлла хезна суна иза, пекъар. Да цхьанхьа-м дГавахана лелаш ву боху. Нана а кхечуьнгахь марехь йолчух тера ду.
— Шу зударшна ца хууш дац-кха х1умма а. Бен а яц, къена а, къона а, «боху, боху...» дукха шун дерриге а! — т1ечевхира Обу1ели, и дешнаш Ибрах1имна тайна ца хилахь а аьлла. Ибрах1иман даг т1е-м мелхо а цхьа тамашийна, шатайпа йовхо хьаьдира. Х1инц-ца, кху сохьта х1ума юучуьра хьала а иккхина, йо1 йолчу д1ахьада дог  хилира.
— Суна-м къа хийтира цунах, сайна иза хезча. Дейишас боху, ненайишас боху, хаац, цхьамма-м нуьцкъала маре яла а хьовзийна, едда еана ю боху иза кхуза а.
         - Осто-опирулах1! — корта хьийзабора воккхачу стага. — Вайн делор дуьсур дацара шу зударшна ца хууш х1умма, я шуна хиънарг къайла а дер ма дацара!
— Со-м яцара нахе и хоьттуш лелаш. Вайн гергарло хууш йол¬чу, т1арг1ий, ц1окарчий д1аоьцуш волчун зудчо Пих1ас дийцир-кх соьга иза дерриге а. Церан районера хилла-кх иза а. Цо-м соьга шен мерашичан к1ант Хьасанбек а ву бохура иза дагайоьхна, вала воллуш. Шен майрачун машен а ядийна, вахана хилла боху цхьан¬хьа-м цунна т1аьхьа а.
— Тоийтал х1инца! Ма охьалаьхки ахь, бертиг ястаеллачу галий чуьра санна. Хьасанбек х1ун ю, тодакх! Стенна юьйцу ахь иза йийца а? Ишттачу х1уманех ешар яц Лайса. Ешаш хилча, тохха-рехь цхьанхьа араяълла хир яра.
— Аса-м ма ца боху, х1ай стаг, иза цуьнга маре яха кечъелла ю. Соьга х1ун де боху ахь? Хазачу, дикачу йоь1ан-м хуьлуш хуьлий дуккха а т1ехьийзаш к1ентий. Нахана хьашт ца хилча-м, вайна а хьашт яцарий иза...
«Ванах, хьалххе барт а бина, деш-м дац техьа кхаьршиммо и къамел?» — дагадеара Ибрах1имна. Т1аккха дуьхьалх1оьттира кху юьртахь а цхьаъ бен йоцу, заготовителан «ГАЗ-24» машина. «Мича вахана хилла техь иза цу т1ехь Лайсина т1аьхьа? Лайсас-м соьга х1умма а ма ца дийцира. Вуьшта, х1ун аьлла дуьйцур дара цо соьга: «Суна т1аьхьа к1ант веанера» — аьлла? Декхар дарий дийца? Х1унда? Суна хетарх, цунна хетий техь со иштта уллора? Хета хир вац. Хета бахьана а ма дац, ма-дарра аьлча. Ас х1ун дина и хетийта?»
— Бабина биссакх цуьнан и хаза корта! Ма дика, ма эсала, ма хаза йо1 ю-кха иза! — йо1 хестон юьйлира Зебирт.
— И ишкол ян а-м яцара, иза яцахьара. Берашна мел дика, ле-рана 1амадо цо! Дийнахь а, буса а 1ийр вар-кха со цо лучу уроке ладуьйг1уш. Мел дика, шера, хаза нохчийн мотт буьйцу цо! Со-м кора к1ел а воьдий, 1овдал санна ладуьйг1уш 1а цо дуьйцучу х1уманашка. Адин Сурхох, Таймин Бийболтах лаьцна дийцарш мел дика хаьа цунна. Директора Салмана  а боху, иштта дика нохчийн мотт хьоьхуш хьехархо оцу школехь хилла а вац!



Ибрах1има ор  чохь дина йозанаш:


     Дуьне инзаре чехка хийцалуш сихделла. Цу сихаллехь  Делан лаамаш мелла а алсамбовлар, адамийн Делаца йолу юькъаметтиг тоялар г1еллуш лаьтта. Амма Йилбаз, йилбазалла тоьлаш, десташ, цкъа а ца хиллпачу кепара шорлуш схьадог1у. Иза тахана Къор1анна, исламана дуьхьалдаьлла ца 1а. Йилбаз дуьхьлдаьлла Товратна, Инжална (Дела цхьаъ вечу массо а динехь болчу нахана). Цундела массара а лаха а, каро а беза вовшахтоьхна ницкъ. И ницкъ карор бац дуьххьара Дела цхьаъвинчу динан хьосте ца кхаьчча. И хьоста схьадолало Нохь-пайхамарна т1ера. Цу хьостех – Нохчалла олу. Нохчалла – массо а  Дела цхьаъ веш долу адамаш вовшахкхетта, цара массара а хаьржина некъ бу. Нохчалла – долу адамаш а къаьмнаш а цхьана хорше дерзош долу цхьа бакъдолу дин ду. Кхи цхьа а ницкъ, цхьа а дин дац и некъ д1акхехьа, Нохчалла йоцург.

     Моттарг1анаш лелор, суьрташ х1иттор хьарам ду Нохчаллехь. 
     Дин – х1ора стеган а шен Делаца йолу юъкъаметтиг ю. Цу Даллай, адамнай юкъаметтигна ницкъаца, я не1алташца юкъаг1ера декхара дац цхьа а. Иза Дала ша адамца лаьцна 1алашо йохо г1ертар санна х1ума ду. Ткъа Дала адамца лаьцна 1алашо – иза парг1ат витар, парг1атчу хьелашца цуьнга ша-шех ванн леънарг хилайтар.
     Амма иза дац стагана хьеха ма хьеха, стаг шен кхетаман, хьекъалан лехамашца ша цхьаъ вита бохург. Стаго стагана кхетамца, хьекъалца г1одар – Нохчаллехь мехале дерг ду. Амма х1ораннах а ца хуьлу хила хьакъ долу хьехамчаш, устазаш. Хьехамча, устаз хила дукха деша деза, дукха жайнийн (книгийн) информацин духе кхиа веза.
     Шен хьехамча хила бакъо, я декхара дуй хаа цо шен эхь – иймане ладог1а деза. Ша шек велахь иза т1елаца а ца деза. Я цо т1елаьцча а иза цуьнан чекх а дер дац. Мелла бахахь а, цхьа нах дакъаза-м бохур бу цо.


Делкъалт1аьхьа кхоъ доллуш Хойбаха хьалакхечира 1уьйранна колхозан конторе вахана хилла Ибрах1им.
— Светлана иккхинер-кх х1инцца кху керта, хьо хоьттуш. Ч1ог1а хьо оьшу шена бохур-кх цо, — дийцира Зебирта, к1ант мото¬цикл т1ера охьавуссушехь, дуьхьалъяьлла.
      - Дика ду. Х1инцца воьду со.
Кертара араваьлла, гена валале гира цунна едда шена дуьхьал йог1у йо1.
     -Ибрах1им, Лайса яйна-кх! — эккхийтира цо сихъелла.
     - Муха «яйна»? Мича яхана иза? — ца кхеташ,   сецира Ибрах1им.
      -Цхьа нах бу хьо хоьттуш, аьлла, тхан цхьана дешархочо д1айиги бохура иза. Цул т1аьхьа гучу ца яьлла-кх. Ши урок а йисина иза ца йог1уш. Цхьана зудчо дуьйцу, иза нуьцкъала такси чу а хаийна, кхаа стага д1айиги бохуш...
       Ибрах1им оьг1азвахара:
— Тоийтахьа, Светлана Владимировна. Соьца забарш еш хаза хета-кх хьуна гуттар а!
— Х1ан-х1а! Забар яц хьуна ас х1инца ешъерг! Иза боккъалла а йигна хьуна. Селхана ас забар яр а дацара эрна. Цхьана х1уманах кхоьруш ма яра иза, соьга ма-дарра ца дийцахь а. Бертаза д1айигна хьуна иза, боккъала а! — Светлана елха йолаелира. — Тхан директора милицига телефон а тоьхна, иза бертаза йигна, аьлла.
        — Иза бертаза чухаош гина йолу зуда мила ю?
        — Эвла йисттехь 1аш ю-кх иза.
Зудчо дийцира  Ибрах1име шена гинарг. Цо шеко ца  йитира: Дайса ядийнера...
 Ибрах1имна дагатесира хьастах картолаш охкучу дийнахь Зе¬бирта йина хилла къедораш. Амма, ла дег1арх, Хойбахахь х1умма а ца къаьстира. Ерриге г1айг1а милицина т1е а теттина, 1ачохь да¬цара. ИбрахЬш цу сарахь хаьхккина Жихала охьавахара. Шоллаг1чу дийнахь 1уьйрре Лайсин гергарнаш бехачу луларчу районе вахара. Цигара участкови инспектор велира Ибрах1имна г1о деш улло. Гергарчарна а, к1отарарчу йоь1ан дедена а хааделла х1умма а дацара.
Сарралц мотоцикл хоьхкуш леларх, Ибрах1имна цхьа а тайпа х1ума ца къаьстира.
Шоллаг1чу дийнахь, 1уьйрре Грозный г1аларчу таксопарке кхе-чира иза.
 Дуккха а таксисташка хиттира цо, Хойбаха веанарг мила хил¬ла а, цхьаннахьа а ядийна йигна зуда хаьий а бохуш.
— Схьавоьл цкъа, — Ибрах1им д1акхайкхира цхьана таксиста. — Х1оккхуза чувале, охьахаал, — шена улло машен чу хаийра цо к1ант. — Ядийна ю-яц-м хаац суна, Теркал дехьа, аренгахь, адамашна юьстаха, цхьана жаГуьнан доьзале йоссийна-м ю стомара цхьа зуда. Лаьмнашкара охьаялийна ю а боху-кх иза. Иза-м яц техь ахь лоьхург?
Ибрах1им леррина хьаьжира таксистан безамехьчу юьхь-сибате. Цунах шен накъост хетавелира.
     - Хьан ц1е х1ун ю? — хаьттира Ибрах1има.
     - Нажмудин ю сан ц1е.
     - Сан ц1е Ибрах1им ю хьуна. Дера, иштта, юьстах йолчу метте ца йоссийча, иза къайла а-м яккхалур яцара. Соьца цига ван йиш хир яцара хьан?
     - Хир ю, дера. Нагахь иза боккъала а ядийна йигна елахь, накъосталла а дийр ма ду ас хьуна!
Теркан рег1ал дехьа а яьлла, шерачу аренгахула хахкаелла йог1ура такси.
    - Кхин д1а некъ бац. Вайшиннан машен яхалур яц. Оцу д1огахь лаьттачу фермера д1а йиъ-пхи километр бен некъ бац хьуна цу метте, -— машина чуьра охьавоссийтира таксиста Ибрах1им. К1анта дийхира цуьнга ша юхаваллац, кхузахь цхьанхьа къайлазе а ваьлла, сацар.
        «Ишттачу, аддам а т1е ца кхоччучу ялийна а хир ю иза цу ж1аьлеша,—дог тешнера Ибрах1иман.—Ванах, и цигахь караяхьа, к1елхьара муха йоккхур ю ас иза? Соьгахь-х т1ехаа машен а, говр а, х1умма а яц! Цу т1е, доккха эхь ма ду нахана шайна т1е йоссийна зуда иштта д1айигийтар а!»
Машина чохь схьавог1уш, цуьнан башха ойла а ца йинера к1ан-та. Уггаре а коьртаниг — йо1 схьакараяр хетара. Х1инца, иза карий-на яьлча санна, дог детталора. КДелхьараяккхаран некъаш лоь-хура.
Фермина хьалха йинчу г1уркхийн кертана чоьхьа лаьллина масех говр гира к1антана. Фермера нах 1ехийна а, цаьргара цхьа говр яккха ойла хилира.
      Меллаша волавелла, фермина улло вахара Ибрах1им.
      Хьаьвда тодеш воллура цхьа къонаха.
— Оссолом 1алайкум! Хьо воцург аддам а вуй кхузахь? — хаьт-тира Ибрах1има.
— Ва1алайкум салам! Со бен вац. Вуьйжаш жа дажон бахана. Мила оьшура хьуна? — дуьхьалвелира къонаха, шен карара ж1ов-хьастам охьа а тесна.
— Суна шун фермин заведующи оьшура. Гена доццуш, иштта д1авахча, цхьа ц1а долуш меттиг юй кхузахь?
       - Ю. Вуьшта, цигахь 1аш-м вац тхан завферма.
— Вацахь а, цигахь иза ву аьлла-м хезна суна... — аьшпаш боьттира Ибрах1има.
— Хаац. Хила а мега. Кхуза тахана гучуваланза-м ву иза, ша делкъал Лаьхьа ца валахь.
      - Байттамал, ма ч1ог1а оьшура суна иза!
— Собардехьа. Схьава а мегий иза-м. Хьо чу ваг1ахь, чай а мер ду-кх вайшиммо.
     -Х1ан-х1а. Г1оза молийла.
— Делахь, ас х1ун накъосталла дийр дара те хьуна? — хаьт¬тира къонахчо.
— Ахь цхьа дирста лахьара, цхьахайолчу говра т1е а хиъна, вахана вог1ур ма вара со цигара.
   -Говр хахка хаьий ткъа хьуна? — цатешаш, къежира къонаха.
       - Схьалахал ткъа дирста!
        - Дирста-м хала яц, — фермина чу вахара къонаха.
    Шена уггаре а дикаха хеташ йолчу говран кхес схьа а лаьцна, хьаста а хьаьстина, коьртах дирста йоьллира Ибрах1има.
    К1ант говрахь д1аэккхашехь, фермина хьалха х1оьттира цхьа УАЗ машен. Цу чуьра охьавоьссинчуьнга, Ибрах1имна т1аьхьа п1елг а хьежош, цхьаъ дийцира хьаьвдеш тодеш хиллачу къонахчо. Ма¬шина говрахь д1аиккхинчунна т1аьхьа йолаелира.
    Юхахьаьжначу Ибрах1имна гира шена т1аьхьа хаьхкина ма¬шина. Мийраш меттаха хьабина, урх д1асатоьхна, говр човхийра цо. Х1инца дерриге а и машина шена т1аьхьа кхиарх я цакхиарх доьз-на долуш санна хетаделира цунна. Ницкъ ма-кхоччу машинал гена вала Лоьртира. Машина жимма юьстах а хьаьвзина, некъа т1е елира. Ибрах1им шена гайттинчу аЛор нисса д1ахаьхкина воьдура.
         «Д1а а кхаьчна, Лайса говра т1е а хаийна, юхаверззалц хан тоахьара» — ойла йора са карзахдаьллачу к1анта.
     Йиъ-пхиь километр хилла 1аш ца хиллера кхуьнга йийцинчу метте д1акхача. Жим-жима йолуш, говр машинна генаяла йола¬елира. Лаьхьайисина машина халла бен ца къаьстара.
     Шийла бара дуьхьалбетталун аренан гуьйрена мох. Юткъачу мархашна т1ехьара наг-наггахь гучукъедачу малхо йовхо ца лора. Амма к1анта х1умма а тергал ца дора. Цунна гушдерг — геннахь гучукъедда к1айн кир тоьхна ц1енош дара. Улло кхача герга мел г1оьрти а цу чуьра ара а иккхина, шена Лайса дуьхьал хьодур йо¬луш санна хеталора.
    Ц1еношна уллохь гуш аддам а вацара. Хьацар тоха ларийна говр кен утурмех д1а а тесна, Ибрах1им уча эккхаш а, цхьа а да дуьхьал ца велира.
    Не1 схьа а йиллина, чуиккхира Ибрах1им. Шен кучан юхах хьоькхуш, куьйгаш а дакъош цецъяьлла, Ибрах1име хьоьжуш лаьт-тара цхьа йоккхо стаг. Ибрах1им вистхиллалц бохуш, лаьттира иза цкъачунна. Паккха, меллаша, хаьттира:
       - Ахь мила лоьху, к1ант?
       - Нускал дуй шоьгахь? — д1асакъерзара Ибрах1им. Арахь, тормазаш а ц1овзош, машина сацош хезира.
       - Ду... — меллаша элира зудчо.
       - Мичхьа?!
        Йоккха стаг к1анта лелочух ца кхеташ леррина хьоьжура. Арахь т1етоьхначу машинан наь1арийн тата хезира.
          - Гайтахьа, йоккха стаг! Со... со мотт бастийта воллура.
         Ибрах1имна т1ехьара не1  еллаелира.  К1ант вуха ца хьожура чоьхьа ваьллачуьнга.
— Сехьавала. Охьалахло, — куьг лоьцура зудчо диван т1е. — Рамзан, шу цхьана ду? — хаьттира цо т1аьхьа чувеанчуьнга.
— Нускал гучудаккхахьа! — юха а дийхира Ибрах1има, ша лаьттачуьра меттах а ца волуш.
— Зараъ, во Зараъ, сехьа чу ялахьа! — кхайкхира йоккха стаг, Ибрах1имна т1ера б1аьрг а ца боккхуш. Вог1авелла лаьттара т1аь¬хьа чуваьлларг а.
Шега ма кхайккхинехь, нускалан коч а т1ехь дехьа чуьра сехьа чу елира цхьа лоха, стоммо йо1, цо к1елд1ахула къерзабен мокха б1аьргаш нийсса Ибрах1имна т1е болабелла бара.
—Хи дал мала, — меллаша элира Ибрах1има. Дерриге а дуьне а дассаделча санна хетаделира.
Цхьана йоккхачу куршкан чохь юьззина хи а дахьаш, духадеа-ра нускал.
«Мала» алийта а дицделла, хин масех къурд бира к1анта. Кисана куьг 1ьттина, шен буйна еана сом-ком стоьла т1е охьа кхоьссира.
- Г1оза ехийла, — г1ийлла элира цо, ша араволуш.
— Хьо со лоьхуш ву ма бохура, — хезира чуьра араваьллачу Ибрах1имна шена т1ехьара цхьа аз.
— Со-м нускал доссийна меттиг мичхьа ю хатта воллура, — жоп делира Ибрах1има. Иза кхин шена т1аьхьа веанчун юьхь-сурт довза а ца кхиира. Кхоссавелла, говра т1е а хиъна, юхавирзира.
— Иза мила вара, ван мукъа? — хезира Ибрах1имна цецъяьллачу зудчун хаттар.
— Хаац. Шун Даккийца армехь хилларг вара моьтту суна, — шена хетарг элира, ферман заведующие.
         Цецдаьлла т1аьхьа хьоьжура йоккха стаггий, изий.

**

Лаьмнашна юккъехула генна хьалавахча, Гуьржичоьнан дозанна уллохь, цхьана к1отарахь лачкъийна латтош йо1 ю аьлла хезира Ибрах1имна, ша Теркал дехьара вухавеанчу кхозлг1ачу дийнахь. Х1инца говрахь к1оргачу, готтачу ч1ожахула хьалаг1ертара иза.
 Дена а, нанна а иза балха воьду моьттура. Колхозера хьаькамаш-м, иза гучу ца волуш к1ира даьлча а, башха боьхна хьаьвзар болуш бацара.
Г1ашлойн некъ, 1ин чуьра хьала а баьлла, цхьана шерачу баса йисттехула, аьхка малхо еттина басаяьллачу бацана юккъехула д1абоьдура. Ибрах1има говрана шед туьйхира.
Гучукъада дагахь хилла малх мархаша къайлабаьккхира. Лахара хьала шийла мох белира. «Яхъяла мега х1ара гуьйренан йочана. 1алам а дели-кх суна дуьхьал» — ойла йора к1анта.
Беха некъ бира Ибрах1има 1ина йисттехула хьала, дуьхьал аддам а ца кхеташ, я нах беха к1отар ца гуш.
Шийла, кегийра гуьйренан дерза доладелира. Хьалхе 1аржъяла а йолаелира. «Ванах, со-м эрна арахь виса герга а ма ду», — ойла йора цо х1инца. Амма юхаверзар дагадан аьттехьа а дацара.
     Некъ юха а 1инчу боьссира. Кху чохь х1инца дикка 1аржъеллера, халла бен г1ашлойн некъан аса а ца къаьсташ. Аьхкенан дог1анаша сийсош, дарлой оьхуш хилла хи а х1инца цхьа тебаш, тешнабехк бан г1ерташ санна дог1уш хетара.
Тог1ий чуьрчу ирачу т1улгаш т1ехь некъан лар д1аяйра. Говран когаш лазош хилар а хааделла, охьавоьссина, цуьнан урх лецира к1анта.
Г1айг1ано, оьг1азалло дог морцуш а доцуш, х1ара мича боьду а, маца д1акхочу а ца хуу некъ шен бан деза аьлча, Ибрах1има бийр хир бацара. Доллучун ойла а йина, юхаверза а мегара. Ткъа х1инца цунна бен а ца хетара, шех х1уъа хилча а. Лайсина и тешна¬бехк бинчарна цкъа мацца а, мухха а ша т1е1оттавала мега бохучу ойлано бойтура цуьнга х1инца и хала некъ. Вуьшта, цхьа кхин х1ума а дара. 1адда 1еро алсамхо а лазабора кийра. Ткъа х1инца, мух¬ха къийсахь а цхьана х1уманца къуьйсуш хиларо г1еххьа хьаам бора дагна.
Кхоччуш 1аржъелира. Еккъа ц1ена цхьа хин г1овг1а йоцург, кхин х1умма а ца къаьстара Ибрах1имна. Наг-наггахь, цхьана боккхачу т1улгах, бердах, я куллах 1отталой, юхавала везаш а нислора.
 Мацца а говрана т1е хиира Ибрах1им, цуьнан б1аьрса шенчул сирла хирг хилар герга хетта.
Аьрру аг1ор, басайистехь, борз уг1уш хезира к1антана. «Хур-р-р», аьлла, лергаш а ирдина, юхаиккхира говр. Цуьнан букъа т1ера дилха дегадора. Охьакхевдина, цуьнан некхах дай-й куьг хьаькхира Ибрах1има:
— Шек а ма яла хьо, Бокъаш, вайшиъ кхерон г1ерта хьуна... «Хила а герга ду иза ишттачохь д1алачкъийна. Ца хилча, 1ийр яцара...» — хьаьдира коьрте.
Юха а уьг1ира борз.  Говр юхаг1ертара. Ибрах1има, т1ера чу а кхоссавелла, юха а цуь¬нан юьхь лецира.
 Геннахь ж1аьла леташ санна хийтира к1антана. Дог кхоссаделира: «Ванах, д1акхечи-техь со?». Цо шен болар сихдира.
Юха а берзалой уг1а х1иттира. Х1инца шерра къаьстира Ибрах1имна царна дуьхьал летачу ж1аьлин г1овг1а. И г1овг1а аьтту аг1рхьарчу басонна буьххьера схьа яра. К1ант цу басах хьалавала аьтту болу меттиг лаха вуьйлира. Амма и меттиг ца карайора. Д1аваьлча а, схьаваьлча а, дуьхьал лаьтташ лекха берд бара, дог1ано т1ада а бина. Цул лакхахь, хетарехь, хьун яра. Мохь а тоьхна, ша гучуваккха а ца лаьара к1антана.
Мацца а, лакха т1ера дедда чу ж1аьла деара. Ибрах1имна хиира, и чу деанчух некъ хила безий. Х1инца а, шен б1аьргехчул, говрах тешна, цунна т1е хиира иза. Цунна некъ сихахо а карабора.
     Лакха т1ехь топ елира. Жимма хан яьлча, цхьаммо т1ера чу мохь туьйхира:
      - «Э-х1е-х1е-е-ей! Х1ун ю хьо ж1аьла леториг? Адам ду, экха ду, Йилбаз ду?!!»
Аз воккхачу стеган дара. Делахь а, Ибрах1им дуьхьал вист ца хилира. Уллора ца долуш, леташ, хьердаьлча санна хьийзара ж1аьла. Т1ера чу мохь беттачо юха а топ кхоьссира. «Эхь дац цунна схьатоха а», аьлла, Ибрах1има дуьхьал мохь туьйхира:
      —Топ ма кхисса, адам ду, адам! Йилбаз дац!

* * *
Абка хиллера к1отарахь вехачу воккхачу стеган ц1е. Жимочу дег1ахь, оза, эсала стаг вара Абка, самукъане, къежаш б1аьргаш а до¬луш.
Алссам пеша дечиг тиллина, шен т1улган ото а дохдина, юург чуьра яй бохба а х1оттийна, къамеле велира воккха стаг.
— Хьо-м цхьана г1уллакхна араваьлла хир ву, вуьшта, ваха-ван хала, вон меттигаш ю-кх х1орш. Кхин шелъялале д1авала дагахь ву со а кхузара.
— Х1усамнана яц хьан, Абка? — хаьттира Ибрах1има, д1атаь1на, пенах букъ а тухуш.
      - Иза кхелхина кхо шо хьалха, хьо марша.
— Дала гечдойла-кх цунна. Хала хир ду къанвелча цхьависар...
— Иза хуур дац стагана, цкъа шена т1е ца х1оьттича. Мел х1уъа дийцича а, шен доьзалшна а сов волу къанвелла, к1елвисина стаг. Валар ирс ду, дег1 нехан кара доьдучул.
      - Доьзалш буй хьан, Абка?
— Бу. йо1 Теркайистехь ю. К1ант Соьлжа-г1алахь ву. Дикачу балхахь ву. Шена дика сискал юуш воллу, цкъа кху сохьта. Д1авахана, цхьа 1а даьккхира ас цуьнца. Са гатделла легашка хьала кхочуш лаьттара. Ца 1ало со оцу квартплат бохучу 1уьргаш чохь. Цаьрга-м ас иштта дийца а ца дийцира, вас ца хилийта. Ца вала-ло-кх со х1окху лаьмнех, х1окху меттигех, х1орш мел хала елахь а. Г1айг1а ю-кх, ваха а вахана, цу квартилашна чу хаар, олуш там бацахь а, чохь ара а оьхуш...
— Цхьанхьа колхозан, я совхозан жа т1е х1унда ца воьду хьо, Абка? Аьхка лаьмнашка хьала а вог1уш, 1ай аренга охьа а воьдуш, лелар вара хьо?
— Делан къур1анор, ойла-м ас а йинера хьуна цу белхан, х1а-ра х1усамнана кхалха ма кхелххинехь. Вуьшта, б1о ца булу-кх сайн дег1ах. Нахаца суо лара ца варна кхоьру. Башха бевзаш нах а дера бац суна-м т1еваха. Цхьамма 1уналла деш санна ма ца хуьлу воккха хила воьллачу стеган г1уллакх.
Ибрах1имна дагатесира: «Ванах, кху тайпа къамел хила ма хилла сан дукха хан йоццуш цхьаьнца... А-а, иза-м Хойбахара Къеди варий. Пекъарш, х1ара баккхий нах ма тера а бу вовшех.
     Керлачу дахаро д1акхайкхина, доьзалш д1абахана кхечухьа. Ткъа дайшна атта дац къанбаллалц шаьш лелийнарг д1атаса. Уллохь х1усамнана юьсуш хилча-м, иштта дукха декъаза а хирг хир дацара церан т1аьххьара денош.
    Наношна мелла а атта хир ду. Баккхий зударий оьшуш ма бу х1усамехь 1уналла дан а, берашка хьовса а. Ткъа къанбеллачу баккхийчу наха х1ун дийр ду г1аланашкарчу х1усамашкахь? Гергарнаш кхеташ хилча-м, мел къанвелла хилча а, воккхачу стагана керла х1усамнана ца ялош 1ийр бацара. Массеран а ца хуьлу-кх иштта кхетам а.
    Шена бакъахьа хир ма дац Абкийна а араваьлла, зуда лоьхуш лела. Цхьаболчу доьзалша-м мелххо а дегабаам бо шайн къанвеллачу дас керла х1усамнана ялийча. Хетало, цу г1уллакхо шайн еллачу нене болу безам артбеш санна. Иштта хир ма дац иза... Хала хир ма ю цхьаалла. Шен х1усамнана санна эвхьаза ма яц стагана я йо1 а, я нус а, цхьа а...»
— Со ву Хойбахахь бригадиран ц1арах лелаш. Хьуна лаахь, хьо жа т1е вахийта аьтту хила мега сан, — элира Ибрах1има. Абкийн б1аьргаш серладевлира.
— Хуур ду-кх. Ойла йийр ю ас, к1антах дага а ваьлла.
— Дагавалий, х1ума де ахь. Со цхьана иттех дийнахь юха кхе-тар ву хьуна. Т1аккха хьуна луъург дийр ду вайшиммо.
— Б1ов чуьра ц1а дохдича х1ун дара-техь, хьуна мотт билла?— хаьттира Абкас.
— Х1ун бен ду кза? Со-м х1оккхузахь д1атаь1ар ву. Х1умма а да оьшу кхин.
— Хаац. Аьхка цхьа студенташ баьхкинера со волчу. Цхьан-хьа-м боьлхуш бара уьш. Дог1ано т1ада а бина, шел а белла чу-бирзинера. Илла а, билла а, б1ов чохь яккхийта шайга буьйса, аьлла, оцу чу бен ца бийшир-кха уьш. Шайн дахарехь цхьа буьйса мукъа вайн дайх йисинчу ширачу б1ов чохь яккха лаьа шайна бо-хура. Суна ч1ог1а хаза хийтира цара иштта шайн дайх бисина бе¬зам ларар.
— Кхузахь буьйса яккхар юха нислахь, со а вуьжур ву-кх ткъа оцу б1ов чу, — велакъежира к1ант.
— Вижа хьо. Дера вижа. Дог-ойла цГанлур ю хьан. Хьайн дайх, хьайн къоман орамах хотталучу з1ено ницкъ лур бу хьуна наьрт-аьрстхочунна санна. Орам боцу стаг-м чемхалг дай, мох хьаькх-яьаькхначу аг1ор д1асаидош долу.  – Жима луьйчара а сецна, юха а леннволавелира Абка. - Айса г1алахь и хан йоккхуш а, дагара ца елира суна и б1ов. Колхозо цу чу уьстаг1ий лехка до-лийна аьлла хезна, догдаьтт1а, 1а а ца велла, хьаьдира со хьала а, бакъдерг дийцича. Делахь а, бакъ ца хиллера иза хила-м. Кхечу б1аьвнаш чу лоьхкуш хиллера цара уьстаг1ий. Мацах обарг Зеламхан-на т1аьхьа бевлла леллачу паччахьан салташа лоьлхуьйтуш йиси-на иттех б1ов яра кху аг1онгахьа. Х1инца уьш а талхийна бовлуш лаьтта-кх охьангарчу совхозашкара 1уй. Иштта долу х1ума лерана а ма леладора вайн I едало. Х1окху бГаьвнийн ца вели-кх цхьа а да.
Х1инцалера нохчо дош хеташ ма вац катохарца, схьаяккхарца-доьзна доцург.
—Дера, вай сий деш ца хилча, вайн т1аьхьено а к1езиг сий дийр ма ду дайх йисинчу хьоькхнийн а, б1аьвнийн а. Уьш лар т1е ялор дара вайна сийлахьхо, шен-шен ц1енойн тхов ирх бахийта г1ерташ, ков-керт онда хилийта г1ерташ, бала х1иттина бохкучул.
Цхьа доккха, дечиган текх схьаэцна, юург схьаяккха вуьйлира Абка.
—Барх1-исс б1е шо ду боху кхузахь х1ара б1ов лаьтта, — дуьйцура Абкас. — Х1ара б1ов бахьана долуш х1аллакьхуьлучуьр даьлла боху дерриге а тхан тайпа а. Мацах Чингазан  арданго го лаьцна хилла кху б1ов чу лечкъинчу нехан. Т1ера чу бечу т1амо б1аьвнна улло буьтуш ца хилла. Т1аккха цара ойла йина: т1амца схьаяккхалур яц вайга и б1ов, гобина, совца деза вай. Чуьра юург а кхачор ю церан. Юург ца кхачаяхь а, хьогалло холча х1иттор бу уьш. Хина тоха са хир дац церан...
К1ира а, ши к1ира а, бутт а д1абаьлла, амма б1ов чуьранаш арабовлуш ца хилла. Чингазан б1о оцу г1уллакхах цецбуьйлуш хилла.
Ши бутт а д1абаьлла, кхоалг1аниг а болабелла. «Х1инца-м хьо-галла а белла хир бара уьш, аьлла, б1овнна т1елетта мостаЛий, амма буьххьехь болчара пхьаьрчий, т1улгаш чудиттина ца 1аш, ц1ийдина хи а чуГенон долийна! «Шовда хир ду цу чохь духдо-луш», — аьлла, къар а белла, д1абахана боху Чингизан б1о.
   Цхьацца йолчу б1аьвнашна чохь хила а хилла духдолуш хиш. Амма кху чохь хиллачара деш дерг кхин хилла. Тидам хиллий хьан, дукхахйолу б1аьвнаш хишна т1ехула, бердийн басошкахь лаьтташ хиларан?
— Хилла. Х1ара вайниг а ю-кх иштта.
— Йолу дела, цара хи муха оьцуш хилла хаьий хьуна?
— Х1ан-х1а.
— Буьйсанна юккъехь меллаша цу хи чу т1ерг1ан муш хоьцуш хилла. Т1арг1ано 1аламат сиха а, дукха а хи ма узу. И муш хьала а боккхий, 1овдуш хилла-кх...
Шаьшшиъ х1ума йиъна ваьллачул т1аьхьа а, дуккха а дийцира Абкас б1аьвнех, кху лаьмнех лаьцна шира дийцарш. Цара жимма яржийра Ибрах1иман карзахъяьлла ойла. К1адделлачу дег1ана наб а хьоьхура...


Ши к1ира сов хан яра Хьасан Ибрах1им волчу ор чу кхоьссина. Цхьа а тайпа арара чу хезаш керла х1ума дацара. Хехь болчу кегийчу нахе хеттарш дарх, царна хууш, цара дуьйцуш х1умма а дацара.
- Ваннах, тхойшинца бала болуш бан а буй и тхо кху чу кхийссанарш? Уьш стенгах лела?- ор чуьра хьалакхайкхира хехоче Солтабеке цу дийнахь Хьасан. – Тхойшиъ шайна оьшуш вацахь, я вийна, я д1авахийтина, цхьа йист х1унда ца йоккху цара? Нагахь уьш сан гергарнаш ахча а эцна со схьаэца т1ехьабевр бу моттахь, иза бакъ дац. Елча х1ума сан зудчан пекъара лур яра шуна. Амма цуьнан а яц шуна яла х1ума, я йоьхна, ткъа шо хьалхалера холодидьник ца лахь, я кхо шо хьалха шен нанас эцна сапожкаш цо ца лахь. Соьл къен стаг вацкха цу Соьлжа-Г1алахь, ур-аттал саг1адоьху цигонаш а.
Хехо дуьхьал вист ца хуьлура. Цуьнан дан а дацара дийца х1умма а.
- Дийна мукъа буй шун хьаькамаш? Т1амехь байа-м ца байинатехь уьш? – хаьттира Ибрах1има.
- Суна-м ца хеа, - г1илла жоп делира Солтабека. Цунна йиц ца еллера, хетарехь, шена Ибрах1има луръю аьлла машен. Цундела иза къамеле волура.
- Х1ара г1уллакх иштта д1адодахь хьоьх-м писатель хир вуй хеа сунна, - элира Хьасана, вела а къежаш. Х1инца мукъа х1у язъеш ву хьо?
- Нохчалла ч1ог1а еза йуьйцу бохура тхан дендас Салам-Хьаьжас. Цуьнах лаьцна а, т1амах лаьцна а сайна хетарг дита г1ертакха т1аьхьалошна, нагахь кхаьрца бала болуш стаг валахь а.
- Вайшиъ кху чура ара а ваьккхина, тоьпаш тоьхна вехь х1уда волу хьо царех – к1оршаме дош лолура Хьасана наггахь.
- Оцу вешпан хехочаца Солтабекаца гергарло ду ас лелош. Вайшиъ кху чуьра вен вигахь а, вайшиннах хилларг мукъа дуьйцур дай цо вайшиъ волчаьрга. Цуьнга д1алур дукха тетрпадь. Цо делла а ду х1ара соьга.
- Ойла йина хилла ахь-м доллачун  а. Дийцахьа, х1унг весеташ ду ахь нохчаллех лаьцна т1аьхьалошна дуьтуш дерш?
- Нохчаллех лаьцна дийца дукха х1уманаш ду, дийцина ца валлал. Кху дуьненчохь угаре а хаза а, мерза а мел дерг дукха Нолхчалла. Зама мел ели алсам оьшур ю адамашна Нохчалла. Угаре а доккхачу маь1не х1уманаш ду цуьнца.
- Масала?
- Масала, сийлахь везачу Аллах1-Дала ц1армат даьлла, тиларшка дахана адам хи буха а дахайтина, керла адам кхуллуш, цу адамашна Нохь-пайхамаре  д1акхачийта, аьлла весет динарг юкха  Нохчалла. Нохь-пайхамарера ма-хиллара, Нохчалла, аьлла ц1е а йолуш, схьаеана-кх иза нохчаша. Иштта тхан дендас Салам-Хьаьжас олуш хезнакха дуккха а нахана. Цунна иза, гарехь Кунта-Хьаьжера хезна. Кунта-Хьажина – иза 1арбийн махкахула лелаш. Цундела олуштма хилла 1аьрбаша: цхьа хан йог1ур ю, т1ехваьлларг нохчо вуй хиъча, нах, цецбуьйлуш юха а хьуьйчуш. Иштта сийлахь хир бу цхьана заманчохь нохчий.
- 1аьрбашна-м х1инца а хеа Ибрах1им-пайхамара буьйцуш хилларг нохчийн мотт хиллий, - т1етайра Хьасан. – Х1инца ахь соьга дийцинапрг шеко йоццуш исторически бух болуш х1ума дуйц хеай хьуна? – меттаха велира Хьасан.
- Муха?
-Х1инца гуьржий, эрмалой бехачу махкара Африке, Саудовски Араве д1акхаччалц дехаш цхьа тамашена адамаш хилла. Хурриташ олу царех 1илманехь. И хурриташ бохуг – хурри (1уьйре) бохучу т1ера схьаэцна ду. Хурри – 1уьйренан нах, (народ утра, народ восхода, Востока) бохург хилар ч1аг1до 1илманчаша. 1уьйренан нахт- серло, де, дахар дасхьаш даьхкина адамаш – иштта хилла цу ц1еран маь1на.
Хурриташ хилла Риман империна дуьххьара культура елла этрускаш а. Цу этрускин мифологехь ши сту хилла 1уьрей, суьрей кхоьхьуш. Цу шина стеран ц1ераш Хуррий, Шерий хилла. Коьртачу делан ц1е Анну а хилла. Вайнехан маттахь бен ца диссина стигалх Анну, Анайист олуш а, 1уьрей, суьрей олуш а. Ишттанаш-0м дукха ду, дийцина ца валлал. Масала, церан хьуьнан ешапан ц1е Хумбаба (хьуьнан б1оба) хилла. Цу бакъдолчара 1илманчаш тешийна цу хурритин угаре а уллора т1аьхье вайнах хилар.
- Ишта-м дара иза, вайн къомана цу бакъдолчарех вешан т1аьхье кхиош пайдаэцуа хаахьара, - элира Ибрах1има.
- Мотт, хат1, дукха лерашт ю вай хурриташ болчу дуьгуш. Угаре а тамашена дерг – берриге а ала мегар долуш пайхамарш а хурритеха схьабевлла ма бу. Ур-аттал сийлахьчу Къур1анна чохь буьйцу курейшиташ а хурайшиташ ма бу. Делера салам хиллас цунна, Мохьмад-пайхамара ша а Ибрах1им пайхамаран т1аьхьенаха хилар лечкъош ма ца хилла. Иштта ца хилча-м хала мА ду кхета, муха кхаьчна хилла цу заманчохь Ирах1им а , цуьнан ши к1ант Исмаил а, исраил а дуьххьарпа Хьаьжиц1енна гонахьа маьждиг дечахь.
- И дерриге а вайн кегийчу нахана д1адовзайтар ч1ог1а мехала хир дара, - элира Ибрах1има. – Царна бусалбан дин а, Нохчалла бохур а, вайн цхьаболчу динан дай ду шаьш бохучара лелораш а цхьаъ ду мотталахь, доьхна г1уллакх ду. Царех я бусалбанаши а, я нохчий а хир бац. Церан бусалбан динахта догдер ду, шайн къомах а догдер ду. И бу кхерпам. Кеманаш т1ера чукхуьйссу бомбанаш кхерам бац.
Луьйчуьра сецна, жима хан ялайтира шина къонахчо.
- Ас цхьана х1уманан тамаша бо, - лен велира юха а Ибрах1им. - Капитализм ю вайна демократаш бу бохучара юхах1оттош. Цу капитализмах 1еха а лой, хьайн пачхьалкхе йохо а, хьайн къам дакъазадаккха а ма сихло, аьлла Иранерчу аятолла Хомейнис вайн Горбачевга яздина кехат дагадог1ай хьуна?
- Дог1у дер.
- Кхара цуьнга ладуг1ур дац. Х1орш капитализм юхах1отто сихбелла. Капиталисташ а бийр бу кхара шайна леъначарех, х1инццалц советан холкъо гулдинарг сихонцуа д1а ам делла. Х1инцалеибоху кхара, шаьш «собственникин класс» сихха меттах1оттор ю, экономика рынке ерзо. Цулт1ехьа хиндолчун ойла к1езиг йора вайн Москвара а, кху ц1ера а «хьекъале кортоша». Масала, мича г1ур ю вайгара нохчалла дерриге а ахчанга дирзича? Социализм бохург а, Нохчалла бохург а дукха тера дара вовшех. Цхьана йог1ура церан амалш,1алашонаш, «Дела вац» бохург коммунисташа ца дийцичихьанна.
Амма Нохчалла капитализмаца янне а ца йог1у. Капитализмехь дерриге а дохка мега: эхь,сий, ийман, ахча хилчахьанна. «Капитализм» бохург «ахчанан юкъаралла» бохург ма дец.
Хьал-бахам совбаьлла нохчий шен къомаха, шеен Нохчаллеха д1ахерлур бу. Царна сийлахь хетар ду гергарло шаьш сана болчу кхечу къоман миллионерашца лело. Къен белахь, шайн вежарий, шича-махчой новкъа хир бу царна, юьртахой-м бийца а ца буьйцур вай. Ишттачу доьзалашкахь йуьйцуш ерг а, кхио г1ертош ерг а Нохчалла хир яц. Уьш д1ахерлур бу шайн къоман матах, г1иллакхех, амалех. Космополиташ хир бу церах,  хьалхарчу чкъурехь ца хилахь а, шозлаг1чу, кхозлаг1чу чкъурехь. Ткъа х1удо кху дуьненах, нохчо а воцууш, бусалба а воцуш, ваьхна? Иза хуур дац Нохчалла х1у жовхар ду, мел хазалла, мел  яккхай къайленаш, мел доккха маь1на цуьнца доллу ца хуучанна. Ма генахь ца го сунна, Хьасан, и эхь-ийман дайна боьха зама. Ма молур бу цуьнан къаьхьа чам цу замане ваьллачо.
-Ойланаш цхьатерра йо вайшиммо, - реза хилира Хьасан. – Кара герз эца а ца сихлуш, ваешан Нохчаллин хазалла къаьмнашна д1айовзайта вай г1оьртинехьара г1уллакх кхечу кепара хир дара. Дала аьтто бийр бара вайн жуьгташа боьг1нацу гура чу ца даха. Х1инца боьрзур ма бац х1ара т1ом. Кавказ д1ахоьцур яц цара шаьш Росси а йоха а йина, кескаш а йина, и кескаш шайн дола яххалц.
- Вайн 1овдалшна моьтту шаьш жуьгтийн телевидениссе газеташайе хестийча шаьш турпалхой ду, къомана дикаболх бан г1евттина ду. Бакъ дац. Вай царна лабораторешкахь мукадехкий оьшшучал а ца оьшу. Царна хаа мА хеа шаьш адамаш а, къаьмнашта дакъазадаха лелочу балхана дуьхьало Нохчаллега бен ялур йоцай, Нохь-пайхамарна дуьхьалваккха шайн кхи пайхамар воций а. Цундела г1ерта уьш фрейдизмаца, сексизмаца кегийчу нехан хье – кхетам д1аэца. Цундела каре ерзайна цара ерриге а телевидени, кино.
- Уь дуьненна т1ехь бу тахана. Вайшиъ - ор чохь ву.
- Амма царна а, вайшинна а т1ехула - Аллах1-Дела ву. И вацахьара дара хала.
- Ван-м вара иза, мацах ч1ебарлочо ма-аллара, дукха собаре  вукха.


1уьйранна самаваьлла Ибрах1им цецваьлла висира: т1улган ширачу ц1енойн корехула чукъаьрзинера къегинчу маьлхан з1аьнарш. Селхана доладеллачу дерзано, хьоькхучу шийлачу мохо х1ара йочана юха а 1аьнан к1оже д1акхаччалц йоьрзур а юй техь аьлла хоьтуьйтура.
     Ткъа тахана цхьа а марха яцара стиглахь. Де, шеко йоццуш, довха а, сирла а хила доллура.
Сийсара пеша улло тийсина хилла шен х1уманаш сихха т1е а юьйхина, чуьра аравелира иза.
Аддам а дацара к1отарахь. Х1инцца дагадеара Ибрах1имна шега сийсара Абкас аьлларг: «Со са ма-тессинехь, жа дажон д1аг1ур ву хьуна. Юург пеша т1ехь хир ю. Юхавог1уш, сох ца кхеташ, д1аводахь, ас дегабаам бийр бу хьуна..»
Чувеана, юьхьах хи а тоьхна, х1ума а кхаьллина, божала чуьра шен дин арабаьккхира Ибрах1има. Абкас дийцарехь, кхид1а болу некъ башха гена бан а ца безара.
«Цхьа беркат доцуш берзалой ю уьш-м. Суна уьш мичара бевлла а, х1ун нах бу а ца хаьа. Вайнехан г1иллакхаш х1ун ю хууш нах бац уьш. Шаьш т1ехбовлуш, ур-аттала, со волчу чу а ца боьрзу...» — дагаоьхура Ибрах1имна Абкин дешнаш.
Тог1ий чухула хьала гена эха ца дийзира. Некъ, хьаьвззина, юха а цхьана шерачу акъарина т1е белира. Дохно буц йиъна хиларехь хиира Ибрах1имна, ша к1отарна т1е кхача йоккха хан ца йисиний.
Ц1еххьашха гучукъедира цхьана лохачу ц1енойн, т1е 1аьржа кехат тоьхна тхов. Ц1еношна хьалха йинчу г1уркхийн кертана чоьхьа уьдура х1етта дина хеталун ши эса.
Хьаьккхина т1е ца воьдуш, лакхо-о гу т1е хьала а ваьлла, ножан дитташна юккъехь сецира Ибрах1им. Кхузара д1а шерра гора ц1еношна хьалхахьара не1 а, цу чуьра хи долчу ахка чу боьду некъ а. Говр ножан ганах д1а а тесна, охьалахвелира Ибрах1им. Амма цуьнан хиъна веха 1ен ца дийзира. Йоккха хан ялале не1арх ара а яьлла, шина эсана богий чохь цхьа х1ума яон х1оьттинчу йоь1ан суьрто дерриге а дицдина, пуржен санна хьалакхоссавалийтира х1ант: «Лайса! Лайса!!! Вуьшта, х1унда ю иштта парг1ат? Ой, иза-м т1е куьг а хьоькхуш, эсий хьоьстуш ма ю! Шен бертахь еана техь иза кхуза? Муха? Х1ара х1ун ду? Ванах, самах ду х1ара, я г1енах...?»
 Месаш, х1инццалц санна, охьахецна яра йоь1ан. Коьртахь х1ума яцара. «Сирло-о ма ю уьш-м. Я малхо, къегош, хоьтуьйту? Ва¬нах, кхетамехь а юй иза...? — шийла шеко хьаьдира коьрте. — Вай¬нехан 1едалехь-м зудчо йоссийначохь та11адой туьллуш ма хуьлура йовлакх коьрта. Ванах, х1ара х1ун ду, дан мукъане а?!.»
Т1еволавелира Ибрах1им. Геннара т1еволавеллачу к1антах б1аьрг кхетале, чуяхара йо1. Амма йоккха хан ялале, карахь ведар а долуш, араелира. Тог1ий чу боьдучу новкъахула чунехьа къайла  елира иза.
Ц1еношна т1ехьашхула а ваьлла, ведда, йо1ана т1аьххье ахка чу тилира Ибрах1им.
Коьллаш юккъехь шовданан хи эца г1ерташ йоллу йо1 гале, цо лоькхучу эшаран г1ийла мукъам хезира Ибрах1имна.
        — Лайса! — дегочу озаца меллаша, кхайкхира иза йо!е.
   — Х1а-а?! — кхераелла, схьайирзира йо1. — Хьо мила ву? —
хаьттира цо оьрсийн маттахь.
Ибрах1им, б1ог1ам санна, вог1авелла лаьттара. Цунна, шена хаа а луш, настаршкара, дег1ера г1ора д1адолуш лаьттара. Х1инцца бен ца хиира цунна кху масех дийнахь ша мел к1адвелла. Дог деара, юьстах а ваьлла, масех минотана мукъа байн акъарий т1ехь аг1ор вала, шен юьхь эсалчу малхе хьала а ерзийна.
       Йо1  къона, исбаьхьа яра. Ч1ог1а Лайсех тера а яра. Амма Лайса яцара...
   — Бехк ма биллалахь. Суна хьо цхьана кхечунах таръеллера,  — г1ийла элира Ибрах1им.
     Юхавог1уш Абка волчу буьйса яккха чувирзинера Ибрах1им. Х1оьттинера.  Кхид1а некъ балур бацара.
      - Эх1, м дика ду хьо т1ехваьлла д1а ца вахана. Маржа я1, дуккха а 1ен йиш елара хьан, — хьийзара Догц1ена Абка. 
Ибрах1има ца буьйцура воккхачу стаге шен бала . Х1ун оьшура цунна вас ян? Абка, цхьанна дика болх хилча, и дика болх шена хилча санна, баккхийбечу нахах вара. Цунна х1умма а ца оьшура, адамашна дикаболх бар бен. Иштта бу х1инца а лаьмнашкахь биссина дуккха а нах. Шаьш хьалха шайн дайшкахь ма хиллара.
 1аржъеллера.  Ибрах1им, Абкера доккха, дечиган текх схьа а эцна, ахьарх галнаш ян хиира. 
Б1аьвнан бухарчу ц1а чохь, пеша уллохь мотт биллира шена Ибрах1има. 
1уьйранна дуьйна довха, йоькхане деара и де а. Къилбехьара хьоькху мела мох аьхкенан юккъерчу баттахь санна бара.
  Марха йоцчу стиглара чу малх къегара. Дерриге а дара кху 1аламехь тахана ц1ена. Ткъа мила ву-техь боьханиг, 1аьржаниг, ямартниг лелош? Адам! Уггаре а дуьненчохь кхетам, ницкъ белларг — адам.
Ма барам бац дикачу а, вочу а адаман юккъерчу шуьйрачу гечонан! Цхьана аг1ор серло — вукху аг1ор бода. Цхьана аг1ор ц1е — вукху аг1ор ша. Х1урдан марса-бийлар х1умма а доцург ду адамийн кхехкачу ойланашка, лаамашка ладоьг1ча.
 Деяла, ма ницкъ бу иза! Маржа я1, оьшура цхьа кхин ницкъ и берриге а ницкъ а цхьана аг1ор берзо — дикачу аг1ор! Ткъа муха? Хьенан лаамца? Хьенан, стийнан ц1арах?
 Адам цхьаъ ма ду, мичча системехь, мичча пачхьалкхехь дехаш хиларх а. Лаам а цхьаъ бу — ирсе кхачар. Ткъа мила, х1ун ницкъ бу техь, доллучу адамийн луург а эшийна, дуьне эккхийта г1ертарг?
Ма атта дац кху дуьненчохь дерриге а. Маржа я1, беран хенахь, кхин воккха ца хуьлуш виса ницкъ болуш велара, берийн йолччул бен кхин г1айг1анаш а йоцуш. Ма ирсе зама хиллера иза...
Дагаяьхкира масех шо хьалха ша язйина стихаш:
                Дахаро кхолайо
                вайн ойла наг-наггахь.
                Дерриг д1анисделла
                цхьа а хир вац
                Замано кур тоьхна,
                дог- ойла йожийчахь,
                Сайн ирсен бералла
                суна йицлац.

                Д1айоьду къоналла
                дахаран тулг1еш т1ехь,
                Мичахь, х1ун нислур ду -
                вайна хаац.
                Ас эр ду, нагахь суо
                балано вожавахь:
                Бералла-х хиллий сан —
                х1умма а дац!



— Мацах цхьа х1ума 1оттаделлера тхан юьртахочух, — дийца волавелира Абка, улло веана.  — Г1ала базара дахана хилла и стаггий, зудий, ворданна т1ехьа шинара а тесна, иза дохка. Шинара дохка а ца делла, хьаладог1уш, майрачо аьлла зудчуьнга: «Варийлахь, и ши¬нара хецалун ларделахь. Наб ма кхетийталахь хьайна!
— «Дика ду», — жоп делла зудчо.
Цхьана хенахь юхахьаьжинчу майрачунна я ворданах тесна ши¬нара а ца гина, я вордан т1ехь шен зуда а ца гина. «Вуй! Кешаго хьо болх!», аьлла, говр-ворда юха а ерзийна, майра юха ма хахка-велла. Мацца а, некъаюккъехь т1ек1ал а яьлла, «хар-р-р» нехь набъеш 1аш, шен зуда ма гина кхунна.
     - «Хьалаг1атта, х1ай» — аг1онах   мийра 1оьттина майрачо.
«Д1аяхийта ахь, со-м сема ю хьуна, шинаре хьожуш ю»,—элира бохура зудчо.
Ибрах1им  воьлура, шен кийрара г1айг1а хьешадена ца гайта.
Са ма тесси, х1ума кхоллуш ца 1аш, сихха Хойбаха дахьаьдира иза.


**

 Парткоман секретараца шен даьлла дов ч1ог1а 1аьткъинера Къосумна: «Цуьна-м х1умма а ца телхара, балхара д1аваьккхича а. Эццига школе хьехархочун балха а вахана 1ийр ву, кхузахьчул а алсам алапа а оьцуш. Вуьшта, сан меттиг галъяккха мега цу мезиго. Хьамид Сулейманович балхахь мел лаьтта а ца хаьа. Къанвелла вог1у х1инца. Керланиг ваийтахь, цо х1ун дер а хаац. Машар бан беза ас цуьнца, г1уллакх гена далале...»
Ша Султанан кабинета чу вахар к1езигалла а хеташ, иза шен кабинета чу кхайкха х1отта а ца х1уттуш, ойланаш еш 1ара Къосум оцу сарахь.
     Цхьана хенахь секретарша чоьхьаелира:
  -Цхьа зуда ю-кх луларчу юьртара хьо волчу чуяийта ша бо-хуш.
  - Х1ун боху цо?
  - Хаац. Шала вина ши к1ант ву шен боху эскарехь. Цхьа йол а хьехайо.
    Къосума ойла йира: х1инца бала мегар-кх Султан чукхайкха аьтту.
  - Чуйола ала цу зудче.
    Къежна, хьастаелла чоьхьаелира цхьа йоккха стаг:
  -Суьйре дика хуьлда хьан, Къосум!
   - Диканца ехийла. Хьо ю х1ара, Ашура? - Къосумна евзира масех шо хьалха пенсе яхана, шайн хилла хьелийозархо.
 - Со яра. Х1ун хьал ду шуьгахь, могуш 1ай? Балха т1ехь лара-дой? — хьесталора йоккха стаг.
— Тийсалуш дохку тхо-м. Могашалла а вон яц. Хьо лаа лелий?
— Делан дуьхьа, кхуза ян эхь хеташ а, г1еххьа хан ма ялийти ас-м. И к1ант дийна велахьара-м, шуьга дехарш деш ца лела а ма мегара со.
— Х1ун де т1аккха. Ца ларийначохь, дехар ца дича а ца долу-кх. Дийцал, х1ун г1уллакх дара хьан? Охьахаал.
— Баркалла. Хиъна а ца 1а со. И ший а к1ентан к1ант а армех д1а а вигна, кхушара йол к1еззиг бен яккхар ца нисделлера сан несан. Зударша хьаькхначу мангалх-м х1ун мангал хир бара, делахь а, процент ца йоккхуьйтуш, аша иза схьаялийтича, етт 1анах баккхар хир дара-кх тхан.
— Дера, Ашура, процент йоцуш, йол цхьана а дега а йоккхуьйтуш-м яц оха. Делахь а, хьовсур ду-кх хьан г1уллакхе.
       Къосума, кнопка та1ийна, секретарша чукхайкхира:
       - Парткоман секретаре схьавола алал.
         Йоккха хан ялале чувеара Султан.
   — Охьахаийша ший а, — корта тесира председатела. — Султан Телипович, х1ара Ашура ма евза хьуна. К1ант а дийна вац кхуьнан, вайна ма-хаъара. Къентан ши к1ант эскарехь ву. Несо мангал биттина, цхьанхьа-м цхьа элан такхор бинчух тера ду. Муха хетта хьуна, д1аялийта вай кхарна и йол, процент а ца сацош?
Председатела и къамел деш: «Хьий, зуд я1! — ойла йора парт¬коман секретара.—Хьаха ца хоттура ахь соьга ишттаниг хьалха-м. Со ву-вац а ца хаьара, со корта а те1ош, 1адда мел 1ан. Я х1инца а цу пекъаран бала кхаьчна лелаш а ма вац хьо. Соьца тан г1ерташ, лелош суьрташ ду-кх. Хьан мичара кхаьчнера бала х1инццалц г1ийлачийн а, мискачийн а? Хабарш-м хаза дуьйцура ахь нахе. Ахь х1инццалц йол, г1одамаш, ялта, комбикорм идаяйтинарш берриге а бохург санна, районан хьаькамаш бу. Ур-аттал, райкоман шо¬фер веъча, цунна хьалха а хьийзара хьо-м хьесталуш. Милиции начальникан ц1еранаш, прокуроран стунцахой, — масане нехан керташ йовзийтина ахь, кху районехь боцчеран а цхьана, колхозан шофершна?»
— Муха хета хьуна, д1аялийтий вай кхеран йол? — юха а хаьттира Къосума Султане.
— Д1аялийта еза. Эскарехь ши к1ант а хилча, муххале а нийса хир дац вай кхаьрца проценташ къийсича.
— Делахь, Ашура, хьайн йол ц1а яхьа мегар ду хьуна. Оха цигарчу бригадире а эр ду хьуна. Эшахь, машен а язйойтур ю хьуна.
— Эхх1ай, дела хила шуна и веза хилла волу Дела реза! Дала яхъе шуьшиннан хан! Дера хила шуьшиннан массо а х1уманна т1ехь аьтту! Дела хила шуьшиннан дог дика! — Баркаллаш баьхна а ца йолура йоккха стаг. Хетарехь, иза ша кхуза йог1учу хенахь башха тешаш а ца хиллера, председатела шен дехарна иштта жоп лур ду бохучух.
— Султан, ахь цхьа жимма собар дехьа, — дийхира председа¬тела, Ашура чуьра араяьлча.
       - Х1ун боху ахь?
— И Ибрах1им боху революционер вац-кх карош. Цунна х1ун дича бакъахьа дара те?
       -Муха «карош вац?» - цецвелира парткоман секретарь
— Балха т1ехь воцу кхоалг1а де а ду-кх. Цхьанхьа сакъоьруш лелаш хир ю-кх, борз!
       - Ц1ерачаьрга хаьттиний ткъа и вахана меттиг?
— Ц1еранаш-м и Хойбахахь ву бохуш 1аш бу. Ас цаьрга и цигахь вац а ца алийтина, уьш кхералахь а, аьлла. Х1инца цхьаъ ца дича-м ца долу.
         -Х1ун дича бакъахьа хета хьуна?
        - Хьастаха цхьа выговор ма делла вай цунна.
    - Т1аккха?
     —Т1аккха... — жимма ойла еш сецира председатель. Кресло чуьра хьала а г1аьттина, чухула волавелира. — Гой хьуна, сан иза балхара д1аваккха цкъачунна йиш яц. Иза къона говзанча ларалуш ву. Ваьккхича, партера-м воккхур вара вай иза. Ваккха ца ваккхахь а, ша ваккха дохкий хиъча, ша заявлени дала а ма мегара цо...
—Цкъа хьалха къасто ма деза, иза мичхьа лелла а, х1унда лелла а. Масане денош довлу вайн, кхиболу бригадираш балхара бовлий а!
— Нах-м шайн г1уллакх 1оттаделча хатта а хоттий, бакъо а йоккхий, ма боьлху. Ткъа х1ара ма вац ша воцург цхьа а дош хеташ. Т1аьххьара а кхин а доьхнарг а дина, юьхь1аьржа х1иттор ду-кх вай цо.
— Иза бен ма вац вайн лакхара образовани йолуш бригадир. Нийса хир дац вай иза д1авахийтича, ур-аттал, цо заявлени лахь а. Иза кхето, 1амо декхарийлахь ма ду вай.
— Лакхара образованеш ерш-м болуш бара вайн. Ур-аттал, академеш яьхнарш а цхьаьна.
   -Уьш муьлш бу?
— Хансолтийн к1ант Ширвани а ву х1инцца Москвахь академи а яьккхина, вайн республике схьахьажийна. Партехь-м вац иза. Вацахь а, воккхур вара вай иза парте-м.
— Хансолтийн к1антана балха ваха меттиг а хир ю, вай вешан къанбелла, пенсеш а оьцуш, балхахь болу бригадираш мукъа битахь.
    Къосум кхуьйлира. Цунна уггаре а цадезарг дара, шега пенсехь болу бригадираш мукъа бита бохург. Уьш цуьнан уггаре а тешаме накъостий бара, ширачу кепашца белхаш беш белахь а.
— И къенанаш бу кху колхозах колхоз йинарш-м. Кегийчийн церан доллу зеделларг дац.
— Хаарш ду къоначеран. Эрна ма ца дешна цара, теттина пачхьалкханна харж а еш. Ткъа зеделларг шерашца дог1ур ду.
— Х1ан, дитал иза, — юха а шен кресло чу охьахиира предсе¬датель. — Цхьаъ ца дича ма ца долу оцу бездельникна!
        Султан кхийтира: «Тховса х1окху председатела лелориг кхо маь1на долуш х1ума ду. Цкъа делахь, — шеца со тавар; шозлаг1а делахь, — Ибрах1им новкъара д1аваккхар; кхозлаг1а, — шен шичан Хансолтин к1ант Ибрах1иман метта балха х1оттор.
       Ибрах1им ас кхуьнга хьевойтур вац. Иза бакъ ду. Ткъа соьца тан г1ертар... Т1амал машар г1олий хеташ, г1ерта хир ву-кх. Иштта х1ара сох дагавуьйлуш хилахь, кхул т1аьхьа, г1уллакх тодала а мегий тхан-м. Сан х1ун г1уллакх ду, къанлуш лаьттачу 1уьйранна «нахаца ца тарло» боху ц1е сайна т1еэца? Цул сов, вер ву «шай-шай алсам яа а г1оьртина, ийг1инера и шиъ-м» — аьндерг а. Х1ун оьшу нехан хабарш а, эладитанаш а?
       Цхьаъ хилахь, ондадевллачу берашна а ницкъ хир бу. Луур ма дац царна шайн да балхара д1аваьккхинарг хила. Дикахо а ду, х1ара тховса хьеставала    х1оьттина.    Вуьшта, хьесталур волуш-м хилла х1ара, жимма а ас суо вуй хаийтича».
—И к1ант цкъачунна, цо лелориг къастталц, хье ца веш, вита луур дара суна, цкъа делахь. Шозлаг1а делахь, ахь иза д1а а ваьккхина, я д1авахийтина, цуьнан метта хьайн шичан к1ант вахийтича, нахана гергахь а нийса хир дац. Нах эвхьаза боху ишттачу х1уманаша. Вайшиъ кхул т1аьхьа а болх бан дезаш ма ву кху на¬хана юкъа а хиъна.
Къосум, леррина Султанан б1аьргаш чу хьаьжира: «Аттахо а ма хиллера суна-м наг-наггахь кхунах дагаволуш хилча. Вон стаг ма вац х1ара-м... Х1ан-х1а, сайн дагахьдерг д1ахаийта мегар дац. Кура вер ву. Вортан т1е хаа г1оьртур ву. Вайнехан стаг мегаш ма вац кхерош ца хилча, цхьана х1уманах ийзалуш ца хилча.
 Девнаш-м дохур дац ас кхуьнца, делахь а, дукха т1е а ийзор вац. Бер¬та ван а кийчча хилла х1ара-м. Хетарехь, ша а воккхавеш ца хилла тхойшиннан хьастаха даьллачу девнах».
— Со-м вац, Султан, Хансолтин к1ант цуьнан метта вахийта г1ерташ. Ораматаш лардарехула волу агроном бохуш, цхьа еди¬ница ю вайн мукъа лаьтташ. И болх бала дагахь ву-кх со цуьнга. Хьуна муха хета?
— Мегар ду иза-м. Хуур-кх, иза муха белхахо ву а, цуьнга х1ун дало а. Вуьшта, амброзис д1ахьулйина йовлуш-м лаьтта вайн аренаш. Хилча дика ву-кх иштта говзанча а.
     - Дика ду, х1ета. Тховссехь приказ яздойтур ду ас.
 
  Девешин говр д1а а елла, шен мотоциклана т1е а хиъна, 1уьйрре колхозан конторе веара Ибрах1им, цигара лома хьала ваха дагахь.
— Стомара дуьйна хьо хоьттуш вара Къосум. Соьга Хойбаха хьала телефон а хьийзаяйтира. Карор волуш-м ца хилла хьо, — ша оьг1аз яхана сурт х1оттийра председателан секретаршас.
   - Х1ун дора цо сох?
        - Хаац суна-м. Цу чуьра цхьа ши стаг    араваьлчахьана, чуг1охьа.
    Приемни чохь, корах ара а хьоьжуш, председатель мукъа валлалц бохуш г1айг1ане лаьттара Ибрах1им. Дохк хьерчара ц1енойх, диттех, адамех. Хетарехь, гуьйренан декхна денош кхачош лаьт¬тара.
        Шатайпа ойланаш хьийзара цуьнан коьрте.
    «Лайса... Дедена х1умма а хаьий техь х1инца а? Ямартло...! Ванах, д1адели х1ара дерриге а юьхьанца х1оьттина хаза сурт? Иштта хала ду техь адамашна юкъахь ваха? Берзалойн законаш ду техь х1инца а адамийн юкъаметтиг лелош дерш, онданиг тоь-лаш, г1ийланиг х1алакьхуьлуш? Ткъа х1ун ю ондалла, х1ун ю г1ийлалла? Ондалла — ахча, таронаш. Г1ийлалла — цхьана, ша цхьаъ хилар?
 Х1ан-х1а. Ондалла — ахча хилла ца 1а. Ондалла — хьекъал, собар, стогалла, оьздангалла! Ткъа г1ийлалла? Г1ийлалла, уггаре а хьалха са к1езиг хилар, нахана юкъахь лела цахаар ду.
Ткъа хар-цо, ямартло... уьш х1ун ю? Ондалла, я г1ийлалла? Ондачу, доьнал-ла долчу, оьздачу стагана ца оьшу харцонаш, тешнабехк. Ондалла цундела ю ондалла а, иза лечкъа дезаш йоцу дела. Те1а, хеба дезаш йоцу дела.
 Ткъа х1унда хьийзаво со цу харцонаша, ямартлонаша? Со г1ийла волу дела хьийзаво? Х1ан-х1а. Со г1ийла вац. Делахь а, 1емана а вац ма-оьшшу харцонашна дуьхьал х1отта.
  Амма со х1инца вахчош ву цу харцонаша. Вахчош ву, пхьалг1ахь болат санна, цкъа ц1ерга вуллуш, т1аккха шийлачу хи чу 1уттуш.
 Вахчаве аш, вахчаве... амма, бакъ-м дац шуна моьттург! Бакъ ду, со лоьхуш хиллехь, оышуш хилла хир ву со бригадехь. Масех де дайи ас, аьлла х1ума а доцуш. Сан бехк бу. Со д1аваьккхича а харц хир бац х1орш бан-м.
Делахь а, ас метта х1оттор ду суо балхана юкъара ваьлла лелар. Со-м ишта а ца 1ийна цхьана а к1ирандийнахь а мокъа. Кхин долуьйтур дац сайгара ишттаниг!
 Лайса... Милици чу г1ур ву цкъа д1авоьддушехь, райцентре вирзина.
 Ванах, ца лууш яхана хилча, иштта къайла-м даккхалур ма дац нахе адам!»
      Председателан кабинета чуьра цхьа стаг аравелира.
          -Кхин вуй цу чохь аддам а? — хаьттира Ибрах1има цуьнга.
— Ву. И керла агроном ву, — сихха жоп а делла, д1авахара иза.
— Керла агроном мила ву? — хаьттира Ибрах1има секре¬тарше.
— Заготконторан директоран Хансолтин к1ант Ширвани ву-кх, Москвахь академи а яьккхина, ц1а веана волу, агроном по защите растений.
   «Деяла, ма «защита растений» ен яй цо, шен дас стоьмашний, т1арг1анний, ц1окарчашний т1ехь санна болх бахь», — ойла йира Ибрах1има. Секретарше-м элира:
      - Х1ета, вешан академик а волуш 1ийр ду вай-м.
— Дера ду. Вайн районехь а ву моьттуш а яц со-м академик, и воцург?—боккъала а хоьттура секретаршас, академи яьккхинчух академик хуьлу моьттуш.
          -Вайн республикехь а-м вац! — майрра элира Ибрах1има.
            Йоь1ан ши б1аьрг, къаьрзина, горгбеллера.
      -Ой, ткъа иза ма дика ваийтина кхуза, цхьанхьа лаккха д1а ца вуьгуш?
          — Шек а ма яла хьо. Вуьгур ву. Ишттаниг вуьгур ву хьуна...
         Не1 схьаеллаелира. Аравелира лохочу дег1ахь,    горга, жима йоь1ачух тера дог1уш юьхь-сибат долу, жима стаг.    Цхьана школехь дешна хиларе терра, Ибрах1имна иза вевзара. 
     Салам дала дог хилира Ибрах1иман к1анте, иза араваьллачу минотехь. Амма важа, шена аддам а ца гучуха, куро-о аравелира. Цецъяьлла т1аьхьа хьоьжура секретарша: «Академик!»...
— 1уьйре дика хуьлда! Чуван мегий? — председателан кабине¬та чу велира Ибрах1им.
— Диканца вехийла, — шийла эккхийтира цо, ша хиъна 1ачуьра хьала а ца айалуш. Даго ца вуьтура к1ентан б1аьргаш чу хьажа а. Къаьсттина Къосумна новкъаеанарг хьастаха газета т1е тоьхна хилла фельетон яра. Председатель тешна вара, иза язйинарг Ибрах1им хиларх.
— Хьо мичхьа лелаш ву, к1ант, балха т1ехь ма вац хьо кху деношкахь?
— Со Хойбаха балха хьажош ахь айхьа ца элира, цигахь башха дукха болх а бац, дукхахйолу хан сайн ц1ахь яккха йиш хир ю?
    Председательна моха хьаьдира. Ибрах1им ша а ца хууш ма вацара г1уллакх а, къамел а, юьхьанца хиллачу т1ера доьхна дуй.
— Ииш хир яра, хьо хьайн бала боцчу а ца г1ерташ, 1ан хууш хиллехьара. Суна ма хаьара и хьан ерриге а хабарца йолу патриотизм гена г1ур йоций!
    — Накъост, патриотизм ахь ма йийцахьа соьга, массанхьа а хьайн феодальни законаш а х1иттайна 1аш волу! — ши б1аьрг къегира Ибрах1иман. Масех дийнахь, холчах1оьттина, ша х1ун дер, мича эккхар ца хууш лелачу к1ентан д1ахьажар дукха ч1ог1а челакх, сонта дара. Цу б1аьргаш чохь къегина суй кхетта, Къосум юхавелира.
— Хьуо къона специалист ву, хьайна х1уъа а мегар ду моьттуш лела хир ву хьо, накъост! Вуьшта, хьуна ма-моттара жима а вац хьо! Санний, Султан Телиповичанний къамел хилла хьох лаьцна. Стенгахула лелаш вара хьо, ван мукъане? Хьо балхара а, партера а ваккха йиш ярий хаьий хьуна тхан, и хьан прогул бахьана долуш?
— Со говро лазийнера, дечке ваханчохь.  Ломахь вевзаш стаг волчохь даьккхи ас ши-кхо де, — аьшпаш боьттира Ибрах1има. Шен багах и доллушехь, юьхь ц1ийелира. Ша-шен к1езиг хетавелла, кийрахь цхьа муьста хийтира.
— Больнице ваха везаш хиллера-кх лазийна хилча, — юха¬велира председатель. Т1аккха, жимма 1ийна, элира: — Комисси ю хьан бригаде йол юста ян кечъелла. Сихха хьалаг1о, уьш т1аьхьа бог1ур бу хьуна.
Ибрах1им кабинета чуьра аравелира. Х1инца ша яьсса, жима х1ума таръеллера цунна. «Ванах, аьшпаш боьтти-кх ас. Хьанна? Къосумна... Со х1ун г1олий ву цул? Бакъ хуьлуш ду суна хуьлуш дерг. Йо1ах а вели, балхах а вала герга ду...
Ванах, гуттар а хила техь со иштта г1ийла, осал, сайна вуй а ца хууш? Аьшпаш... гуттар а битта ца деза сан уьш, цкъа д1аболийча? Цул сов, гучубовлаза а буьсур ма бац уьш. Хааза а дуьсур ма дац нахана ас кху денош-кахь лелийнарш. Ткъа ма дог кхаьрдар ду сох Къосуман, кхиболчеран...»
Конторан кертара чу волучохь динчу жимачу кевна уллохь сецна лаьттара Ибрах1им. Ша кху кел ара ваьлча, ша боьттина аьш¬паш гуттаренна а т1ехь буьсуш санна хетара.
Сихха шен мотоцикл а латийна, лома хьалахахкавелира Иб-рах1им. Дохк айлуш, Ибрах1имна т1аьххье лома хьала г1ертара.
* * *
   Лайса ядийна бохучу хабаро лерг ирдина 1аш хиллера Хойба¬ха, Ибрах1им д1акхочуш.
— Бакъ дуй и хезаш долу эладита? И йо1 ма яц кху деношкахь школе гучу йолуш? — г1айг1а хилла, дуьхьал даьллера ц1а кхаьч-начу Ибрах1имна Обу1елий, Зебирттий.
— Делхьа дийца, х1ун хааделла хьуна цунах? — йоьхна, хоьт-тура кхоччуш г1айг1ане яханчу Зебирта.
— Хаац суна-м, деца, иза мича яхана а, — г1ийла жоп делира к1анта.
— Ва-а-а, нана яла цуьнан хазчу коьртан! Ц1ерачарна а хаьий ткъа х1умма а? — елха йолаелира йоккха стаг.
— Сацадел цкъа и хьайн белхар! Д1аялол, чуг1ой, д1аяьлла гучуьра! — т1ечевхира цунна ц1ийнада. Т1аккха, пхьарс а лаьцна, Ибрах1им юьстаха ваьккхира:
    - Милицина хууш дуй?
         - Хууш ду.
         - Ца карийна?
         -  Тосаделла х1ума дац.
    — Кхузарчу наха х1ун дуьйцу хьожуш, терго йинера ас. Цхьа а да а цунах х1ума хууш вац-кх. Тохара цунна т1ехьийзаш хила боху к1ант а шен балха лелаш ву боху, шек а воцуш. Цунна зуда ялон бетталуш бу боху х1инца ц1еранаш. Ма тамашийна х1ума ду-кх х1ара, боккъала а! И тайпа, лар йоцуш, д1аяйна зуда ца хааелла-кх суна, къанваллалц ваьхча а! Вуьшта, цхьа кхин х1ума а-м дуьйцу наха.
— Х1ун ду иза?
 — Ша  бертахь яхана  бохуш дуьйцу-кх. Цхьа к1ант хиллачух тера ду иза езаш, цуьнца цхьаьна дешна волу...
       - Хаац, Обу, суна-м...
       - Дика ду хьо схьавеана. Тхо-м хьуна а ч1ог1а сагатдеш дара.

       Хьастаха а дагадеанера  Ибрах1имна: «Ванах, х1унда теттира Лайсас и жоп кханенга? Шена т1аьхьа бахка  безий хууш хила техь цунна?» 
        Ибрах1иман ойланаш юкъах ехира керта иккхинчу Светлана Владимировнас:
         - Ибрах1им, карийний хьуна Лайса Майрбековна?
          - Х1ан-х1а.
         - Ой! — йоьхна йисира йо1, — И мичхьа ю а ца хаьа х1инца а цхьанна а?
         Ибрагима белшаш саттийра. Йо1, б1аьргаш а къерзош, йист ца хуьлуш лаьттара, ша х1ун дер, х1ун эр ца хууш.
         - Светлана Владимировна, и нах баьхкинчул т1аьхьа ша 1ачу чу яхана, т1е х1уманаш юхуш-м ца 1ийра техь иза? – хаьттира Ибрах1има.
         - Миччара! Цунна т1ехь-м йовха кофта а яцара! Ерриге а ц1ена а , йовха а х1уманаш кхузахь ма ю цуьнан. Ур-аттал т1оьрмаг а бу, чохь паспорт а, ахча а долуш.
          - Дика ду, Светлана . Схьакарор яра иза-м. Д1аг1о хьо хьайн балха. Со а ву йол юста бог1учаьрца ваха дезаш. 

* * *
    Делкъал т1аьххьа, кира лелочу машинан кабини чохь хьалакхечира керла агроном Ширваний, бригадир Обухьаьжий. И шиъ хиллера председатела комиссина юкъа вахийтина шиъ.
     Йол юста нах хьалабог1ий цхьана Ибрах1имна хиъна 1аш ца хиллера. Веана шиъ хаавелла, машинна дуьхьал велира шен долахь шортта жа а, даьхний а долу Г1ойтамир.
— Шу марша а дог1ийла! — Т1евахара иза веанчу шинна, геннахь  гучуваьллачу  Ибрах1имал   а  хьалха.
   - Маршалла  хуьлда  хьуна   а.
   Г1ойтамирца, т1екарабевлла бохкура комиссии членаш, Ибрах1им  т1екхочуш.
— Солом 1алайкум! Схьакхечин шу? Болх д1аболабой вай? — хаьттира кхеран хабарех самукъа долуш воцчу Ибрах1има.
— Ва1алайкум салом! Болор бара вай болх-м, — шийлла салам схьаийцира Ширванис. Ибрах1има цуьнга хетта а ца хиттира, «хьо мила ву», бохуш. Дагахь лаьттара х1ара 1уьйранна шега вистхила цавашар.
— Цхьа а болх а болор бац, цкъа чу а дахана, х1ума ца кхоллуш! — меттахваьлла, хьаьвзира Г1ойтамир. — И Обухьаьжи со волчахь хилаза а ю дуккха а хан. Ас дегабаам бийр бу, шу цкъа со волчу  чу  ца  даьхкича!
      Обухьаьжина а, Ширванина а дика хаьара Г1ойтамиран а, шайн председателей Къосуман а гергарло. Цундела, цаьршинна ца лаьара Г1ойтамнрна халахетийта.
       Ибрах1имна-м шерра гора, цара лелориг х1ун ду а, муха ду а. Цхьайолу цанаш, Г1ойтамирера, и санна болчаьргара схьаяьхна,  косилка    хьакхийтинехь а, кхин а дуккха а йол яра Г1ойтамиран   доьзало    яьккхина.    И    йол, дукхахъерг, шена йитарга дог дохура къонахчо.
— Вало, Обухьаьжи, дахана, цхьацца стака чай молу вай, - д1аволавелира   Ширвани.
— Схьавало, Ибрах1им, дукха ца 1а вай, — д1аозийра Обухьаьжис  к1ант   а.
— Х1ан-х1а. Баркалла. Со х1инцца х1ума кхаьллина ву, — юхаг1оьртира   Ибрах1им.
         -Хьуна веъча-м тоьлара, — шатайпа къежира Г1ойтамир.
         -Баркалла. Г1оза йоийла. Ас шу довллалц собар дийр ду.
*  *  *
Дохк д1аяхана, лаьмнаш серладевллера. Ибрах1имна хааделира, Г1ойтамиран х1усамера араваьлла Ширваний, Обухьаьжий дикка самукъа даьлла хилар. «Ванах, Обухьаьжи а, Г1ойтамир а шен дел а баккхий нах боллушехь, эхь ца хеташ, мелла-кх цо. Белхан хан хилар-м дийца а ца дуьйцур вай — ойла йира Ибрах1има. — Вуьшта, шуна моьттург-м бакъ дац шуна, аш цхьанггахьа а  озабезамаш бийр бу аьлча».
— Лаха маь11ера хьала дуьйлалур ду вай, — т1аьхьах1оттийра Ибрах1има  ши  накъост.
 Председатела йол бригадирашка шайга ца юстуьйтуш, ша кхоьлланчу комиссега юстийтаран маь1на цхьаъ дара: бригадираша шаьш к1езиг а юьстина, йисинарг йохкарна кхерар. Амма Ибрах1иман дагахь дерг кхин дара: йол, мелхо а, ма-ярра алсам гайтар. Йол алссам хилча, кхочуш хир дара бригадира дагалаьцнарг: Хойбахахь ферма йиллар. Цул сов, хьалха хиллачу бригадирашчул ша мел сов йол кечйина хьажа а лаьара.
Косилкашца хьаькхначу алах бинчу шина холанах шовзткъа тонн гергга йол хиллера.
Цхьана хенахь аьхна, т1ек1алтесначу майданна т1е кхечира йол юстуш леларш.
           - Х1ара х1ун ду? — шена х1умма а ца хезначуха хаьттира Ширванис.
           - Х1ара латта ду-кх, аьхна! — ондда жоп делира Ибрах1има.
           - Хеа суна х1орд боцай. Х1ара стенна аьхна? — ца кхета сурт х1оттийра агронома.
     - Картолаш ен! Агроном вац хьо, академи а яьккхана? Гурахь аьхна латта б1аьста х1у ден дика хуьлий ца хаьа хьуна? — т1ечевхира Ибрах1им, шен кхуьнгахь башха безам ца хиларе терра.
          - Яьккхина дера ас-м! Хьо санна волчуьнга шена дага деа-деъанарг ца леладайта! — т1верза воллура маларо вохвина аг¬роном.
          - Мацах цхьана зудчо кхузахь аьлларг дийца ас шуьшинна? — шина к1ентан дар-дацар дохо    г1оьртира    Обухьаьжи. — Мацах цхьа г1алг1азакхи хилла ламароша йийсар вина валийна. Т1ера хеча д1а а яьккхина, попах а вихкина, шаьлтанца цуьнан цхьа юьхьиг д1ахадо г1е|рташ уьш бохкуш, еана т1екхаьчна цхьа зуда. «Шу х1ун дан г1ерташ дохку?» — хаьттина зудчо. «Тхо кхунах бусалба ван дохку-кх», — жоп делла ламароша. «Ацу дале вазилор, цунах бусалба-м хир вацара, шу мел г1ертарх а. Вуьшта, и цхьа цисъелла х1ума талхош дохку-кх шу», — бохура боху зудчо. Цуьнга терра, картолаш-м хуьлий а дера ца хаьара кхузахь. Вуьшта, и цхьа нисъелла цана йохаяйтина-кх ахь, доттаг1а, — Ибрах1име хьаьжира иза.
   Обухьаьжин дийцар хаза хетта, накъостий бийлабелира. Амма дукха хан ялале, Г1ойтамиран йол юстучохь, юха а девнаш девлира церан.
— И д1огара басахь бина хола мукъа бита беза цунна, ца бустуш. Иза цо ца бинехь, цу баса цхьа а г1ертар вацара! — мохь беттара   Ширванис.
— Цхьа а литта а дуьтур дац ца дустуш! Шуьшиъ кхуза озабе¬замаш бе аьлла ваийтина вац! — хедадора агрономан дешнаш Ибрах1има.
— Со ву кху комиссии председатель! Суна сайна дика хаьа дан дезарг!  —  ца  къарлора  Ширвани.
— Дуьххьара лаьм т1е ваьлла волчу хьуна атта ду. Со ву харц а, бакъ а х1ара раьг1наш яйтинарг! Д1аязъел ахь ас гайттинарг, юста а юстуш. Ца юстахь, хьайн ц1ехьа яхийта, и хьайн рулетка а эций! — моха йог1уш лаьттара Ибрах1имна.
     Кьар а велла, цо бохбохучуьра, юста а юстуш, д1аязбан дийзира Ширванин х1ора такхор а.
Элан барам б1е тонне хьала г1оьртинера. Х1инццалц кхузахь цуьнан ах а ца язйора.
Хьалххе бевлира комиссии членаш элаш юьстина. Оьг1аз вахана,  вистинера  Ширвани.
— Х1окху некъаца йолу амбрози ца го хьуна? Иза д1ахьакхийта езаш ма-хиллера ахь уггаре а хьалха! Амбрози х1ун ю хаа а хаьий хьуна? — Ибрах1имна 1оттар ян г1ертара Ширвани.
— Заза далале хьакха дезаш ю иза. Заза а даьлла, х1у д1асадаржийна яьллачул т1аьхьа эрна ду хьаькхча а. Хьайна дицделлехь, цкъа юха а учебникана т1е хьажа хьо, хьуо академик велахь а.
       - Ткъа  х1унда  ца  хаькхна,  заза дожале?
— Ибрах1им кхуза веана цхьа бутт хан бен яц. Йитийша шиммо а и 1иттарш. Х1унда бойу ашшимма вовшийн чам? Цхьана болх бан дезаш дац вай? — юха а машар бан г1оьттира Обухьаьжи.
Садан а масех сахьт хан яра Ибрах1иммий, Обухьаьжий, Шир¬ваний  д1асакъаьсташ.
 
Стиглахь беттаса доцуш, 1аьржа яра буьйса. Цхьа а тайпа серло яцара Лайса къайлаяьллачу бодашлахь а. Милицера схьа хаийтира, шаьш Ерригсоюзан лахар кхайкхийна аьлла. Султан Телиповича дийцира Лайсин берриге а гергарнаш а меттахабевлля аьлла.
Наб ца кхетара. Шен кийрара дог-пах цхьамма схьа а даьккхина, когашца хьеша а хьешна, т1е шеташ а йиттина, юха чу дехкича санна  хетара.
«Белхаш а аттачу ма-бевллера сан. Докъар кечдина а со ваьлла. Мукъа денош лур дацара техь Кьосума? Хьер вер ма ву кхузахь-м, кхин х1умма а ца деш, иштта 1ахь…»
Х1инца дика кхеташ лаьттара Ибрах1им, мел йоккха аг1о, дегайовхо хилла Лайса шен. «Иза уллора д1аяьлча бен хуур ца хилла дерриге  а   ма-дарра»...
«Кхана 1уьйрре, са ма тесси Жихала охьа г1ур ву со. Председа¬теле а ца хоттуш, Султан Телиповичца дийца а дийцина», — ша шеца барт бора дог-ойла  карзахъяьллачу  к1анта.
Ц1еххьана арахь г1овг1анаш евлира. «Ванах, орца дац иза наха дохуш?!!» — тохаделира дог. Хьалаиккхина, не1аре хьаьдира.
«Х1ей, нах! Орца дала! Самадовла, орца дала! Схьайовдае белаш! Шаданаш довдаде!!!» — маьхьарий хезара. Малхбузе ц1иййина, хьалахьаьддера цхьа йоккха ц1е.
— Йол! Сан элан хола!!! — кхоссаделира Ибрах1иман дог. Шена кара еъанарг т1е а 1оьттина, мачаш т1е а озийна, д1ахьаьдира бригадир.
       Цхьана маь11ера йогуш, марсаяьлла йог1ура ц1е. Хьалххе орцахбевллачу наха шаданашца цхьацца аг1ор д1асаидайора ц1е т1екхачаза йолу йол. Уллохь хи дацара. Цхьаццаммо белашца ц1ера т1е латтанаш кхуьйсура, амма цара х1умма а г1о ца дора.
— Д1асаядае! К1елхьара яккха шайга яккха лур-лург! Шада¬наш да сихха! Шаданаш довдаде массара а! — юкъахьаьвзира Ибрах1им.
Ц1еран серлонехь евзара Ибрах1имна адамийн яххьаш. Хьалх¬хе орцах кхиъначух тера дара школан директор. Х1айтъаьлла хьийзара колхозан говрашна т1аьхьа волу Дурди, х1инцца схьакхаьчна Обу1ели. Марахь йол д1аидош хьийзара Светлана Владимировна а, кхин а масех хьехархо а. «Же, сихо елаш! Маса лелалаш!» — мохь беттара Дардаила.
Улло а, ирх а хьаьддачу ц1аро адамийн яххьаш ягайора. Амма цхьа а юьстах ца волура. Жим-жимма гуллуш, ерриге а Хойбаха схьагуллуш лаьттара.   Юьстах тесна йол кхин а гена, ц1е т1екхочу йоцче д1аидайора. Массарна а лаьара х1уъа дина а, цхьа кханча мукъа к1елхьарабаккха.
Цхьана хенахь адамийн г1овг1анаш а, ц1еран г1овг1а а д1атийра.  Ткъех тонн хир йолчу элаха ши-кхо тонн хиллал х1ума бен к1елхьара ца яккхаелира.
—Тховса т1е дог1а даг1ахь, х1ара а евр ю. Кхунах мукъа цхьа такхор бан беза вай! — мохь туьйхира Дардаила. Цхьа а д1а ца вахара, такхор бина баллалц.
Нах Ибрах1иман б1аьра хьовса г1ертара, тезетехь санна, цуьнгара г1айг1а д1аэца. Нехан б1аьргаш чохь к1антана къаьстара шега болу безам, тешам, лерам. Легашка шад х1оьттира...
—Д1адоха, нах! Х1умма а дац. Карор ву вайна х1ара динарг а. Вайна ца каравахь а Делех д1алачкъалур вац иза. Юха шара кхин а боккханиг бийр бу вай кхузахь хола! — велакъажа г1ертара к1ант.
«Тхуна карор ву хьуна х1ара динарг-м!» — «Шек а ма вала хьо х1ара йол хьох хьаьрчаш хилахь, оха тхешаниг д1алур ю хьуна», «Д1аг1ой, д1авижа, хьайна хала а ца хоьтуьйтуш», — маьхьарий деттара наха маь1- маь1ера.


(Хьалхарчу декъан чеккхе)


С-Хь. Нунуев
г. Грозный