Нохчаллин раг1

Саид-Хамзат Нунуев
     Нохчаллин раг1

     Кху дуьненчохь массо х1уманан а шен зама, шеен раг1 ю. Шеен зама, раг1 кхаьчна х1ума гучу ца долуш, ца девзаш дуьссур дац. Шех пайда эцначул т1аьхьа керлачо кхечунна некъ ца битича а бер бац. Амма цхьацца х1уманаш ду, схьаэцначул т1аьхьа юьккъера д1адовла йиш йоцуш.

Уьш Аллах1-Дала адамашна гуттаренна а делларш ду (вечные вопросы). Цареха угаре а коьртаниг – адамийн Делаца йолу юкъаметтиг.

     Дела лехар, Дела вовоза лаар угарен а мехалчареха лерина исламехь. Цо гойту бусалбпн дин мазакъдоьлла, т1улг хилла сецна ца хилар. Ч1аг1делла сецнарг (догма) санна мехала ду исламехь Аллах1-Делан къайленаш а,

 1илма а довза лаар, цу т1ехь къахьегар. Зама а ма яц сецна лаьтташ. Вайнаха ма-аллара, заманна дуьхьалвилларг замано хьошур ву. Заманан амалш нийса ца евзинарг а юьхь1аьржа хир ву.

     Динехь ч1аг1деллачареха угаре акоьртаниг Ду сийлахь веза Аллах1-Дела цхьаъ хилар, сийлахьчу Къор1ана чохь Делан доттаг1ий бийцина пайхамарш бакъ хилар. Цу т1ера довла йиш яц вайн. Вай цу т1ера довлахь дуьне дохаран кхерам бу.

     Дела цхьаъ, пайхамарш бакъвеш долу дуьненан Доккха дин, Ибрах1им-пайхамаран дин (иудаизм, христианство, ислам) дохо ша арабаьккханчу новкъахь кху т1ехьарчу заманчохь баккхай кхиамаш хилла Йилбазан.

Тахана дуьненчохь алсамдевлла Доккхачу дина дуьхьал ден г1уллакхаш – эхь-ийман талхор, ц1арматалла асамъяккхар, синош дассош культура (массови культура) кхоллар. И декъаза, эхье г1уллакхаш къаьсттина кегийчу нахана дуьхьал, церан синош дакъаза дохуш лелош ду Йилбаза.

     Цхьаний дино а ма ца боху адамашка осалнаш, ледарнаш леладе, эхь-ийманаха довла. Муьлххачу дино а адамах адам хила боху, Делах эхь хетта боху,ша-шен дакъаза ма довла боху.
     Цундела дуьненан доллучу а Доккхачу дина дуьхьал болх бо Йилбазо.
     Муха бо?
     Доккхачу дина дуьхьалдала ницкъь боцуш, и дин доькъуш, цуьнах итаннаш гараш,кескаш еш марсадаьлла хьийза Йилбаз.


***

     Моттарг1анаш лелор, суьрташ х1иттор хьарам ду Нохчаллехь. Угаре а хьарамниг – бусалбан динах политикан байракх ян г1ертар. Ишттачо беана вайна т1ом, иешам, г1ело.

     Дин – х1ора стеган а шен Делацайолу юъкъаметтиг ю. Цу Деланне адаманне юкъаметтигна ницкъаца, я не1алташца юкъаг1ера декхара дац цхьа а. Иза Дала ша адамца лаьцна 1алашо йохо г1ертар санна х1ума ду.

 Ткъа Дала адамца лаьцна 1алашо – иза парг1ат витар, парг1атчу хьелашца цуьнга ша-шех цунна хила  луург хилайтар.

     Амма иза дац стагана хьеха ма хьеха, стаг шен кхетаман, хьекъалан лехамашца ша цхьаъ вита бохург. Стаго стагана кхетамца, хьекъалца г1одар – Нохчаллехь угаре а мехале дерг ду.

 Амма х1ораннах а ца хуьлу хила хьакъ долу хьехамча, устаз. Хьехамча, устаз хила дукха деша деза, дукха жайнийн (книгийн) информацин духе кхиа веза.

     Шен хьехамча хила бакъо, я декхара дуй хаа цо шен эхь – иймане ладог1а деза. Ша шек велахь иза т1елаца а ца деза. Я цо т1елаьцча а иза цуьнан чекх а дер дац. Мелла бахахь а, цхьа нах дакъаза-м бохур бу цо.

     С-Хь Нунуев
     г. Грозный
     Чеченская республика