Нохчаллин орамаш

Саид-Хамзат Нунуев
    
     НОХЧАЛЛИН ОРАМАШ

     Нохчаллин орам Нохь-пайхамаран  ойланашкара, Нохь-пайхамаран дагчуьра, Нохь-пайхамаран Аллах1-Дала сийлахь, деза  кхоьлланчу эхь-ийманера схьаболуш бу. Нохь-пайхамарна т1едиллина Сийлахь Везачу Аллахь-Дала эхь-ийман дайна, дакъаза даьлла адамаш хи буха а дахайтина, керлачу адамийн х1у доло, и керла х1у эхь-ийманехь хиларга сатуьйсуш.

     Нохчаша бен шайн генаваьллачу ден ц1е доллучу къоман ц1е ца ярехь а, и ц1е д1а ца тосуш итаннаш эзарнаш шерашкахь схьаярехь а, Нохь-пайхамаран весетах Нохчалла а дина, и Нохчалла а, д1а ца тосуш, тахханалц схьадарехь а го нохчашна т1ехь даккхай декхарш хилар. Цу декхарша нохчий кхечу къаьмнел айбелла хила беза бохург дац иза.

 Мелххо а массерал а алсам бала кхочуш, алсам г1айг1а йолуш, алсам шегара дуьненчохь массо а къаьмнашна юьккъехь эхь-ийман даржош хила декхарлахь ду бохург ду.

     Цу х1инца аьллачун бух буй исторехь, я авторна хетарш, луурш ду х1орш, авторна г1енах санна дуьхьалтуьсуш?

     Кху т1ехь долчун документин бух, дуккха а брлчу 1илманчийн зорбанехь арабевллачу белхаш т1ехь бу. Царна юьккъехь авторан «Ноев Завет» книга а ю.

     Цу белхаш т1ехь гойту угаре а хьалха Нохь-пайхамаран т1аьхьено шен цивилизации Кавказера д1айолайна хилар.  Кавказера д1а Африке кхаччалц керла дуьне, керла пачхьалкхеш, керла 1илма, керла адам кхуллуш д1абаханарш вайн шира дай хурриташ хилла. («Хурри» бохург а, «1уьйре» бохург а цхьаъ ду.

Цундела хурритех «народ утра», «народ восхода», «народ Востока» олуш хилла)

     Дуьненчу керла 1уьйре еанарш бу хурриташ.

     Х1ун, муха 1уьйре хилла цара кху бехделлачу, 1аржделлачу дуьненчу еанарг?
     Хурриташа Шумере (Шема), Митанне (Нахарине), кхечу шайн пачхьалкхешка, таханалерачу Италера Тибете а, Китай а,Америке а кхаччалц д1асадаржайна хиллачу 1илманах,говзаллех, исбехьаллех лаьцна вай вешан «Ноев Завет» а, кхийолчу а книгаш т1ехь яздина. Уьш луучарна цу книгаш т1ехь карор ду.

     Вай тахана ойла йийр ю, муха хилла вайн ширчу дайн Делаца йолу юкъаметтигаш? Муьлуш хилла и вайн Дела цхьаъ варан (монотеизман) инзаре революци дуьненчу  Сийлахь Везачу Аллах1-Делан пурбанца еанарш?

     Шайн пачхьалкхешкахь уггареа а алсам ницкъаш (илманан ницкъаш а, хьал-бахаман ницкъаш а) хурриташа т1емашна, т1емаш кечбарна т1е берзош ца хилла, х1инца кху вайн «серладаьллачу» дуьненчохь санна. И берриге а шайн ницкъаш цара дахьовсош хилла Зераташ (Зиккураташ) дарна.

Дела цхьаъ варан революции т1еэцале, цул хьалха а хурриташа шайн динан ойланаш хьалхарчу меттехь, коьртачех лоруш хилла хилар гойту цу бакъдолчо
     Кхечу дешнашца аьлча, хурритин цивилизации геннара схьа хилла динан, синан, эхь-ийманан цивилизации.

     И цивилизации йохо аьтто хилла Йилбазан. Цуьнан мета т1еман, ц1ий 1енорар антицивилизаци кхоьллина Йилбазо. И антицивилизаци, контрцивилизаци таханалерачу дийне а кхачийна Йилбаза (Западо).

   ***
     Дуьне инзаре чехка хийцалуш сихделла. Цу сихаллехь  Делан лаамаш мелла а алсамбовлар, адамийн Делаца йолу юькъаметтиг тоялар г1еллуш лаьтта. Амма Йилбаз, йилбазалла тоьлаш, десташ, цкъа а ца хиллпачу кепара шорлуш схьадог1у.

 Иза тахана Къор1анна, исламана дуьхьалдаьлла ца 1а. Йилбаз дуьхьлдаьлла Товратна, Инжална (Дела цхьаъ вечу массо а динехь болчу нахана). Цундела массара а лаха а, каро а беза вовшахтоьхна ницкъ. И ницкъ карор бац дуьххьара Дела цхьаъвинчу динан хьосте ца кхаьчча.

 И хьоста схьадолало Нохь-пайхамарна т1ера. Цу хьостех – Нохчалла олу. Нохчалла – массо а  Дела цхьаъ веш долу адамаш вовшахкхетта, цара массара а хаьржина некъ бу. Нохчалла – долу адамаш а къаьмнаш а цхьана хорше дерзош долу цхьа бакъдолу дин ду. Кхи цхьа а ницкъ, цхьа а дин дац и некъ д1акхехьа, Нохчалла йоцург.

   С-Хь. Нунуев
   г1. Грозный
   Нохчийн республика