Вай х1унда кхоьллана?

Саид-Хамзат Нунуев
      Вай х1унда кхоьллина сийлахь везачу Аллах1-Дала кху дуьненчу? Х1ун ю, муха ду х1ара дуьне (Вселенная), кхуьнан йист, барам, кхолладаларан а, кхачо долу а хан. Х1ара дерриге а кхоьллинарг адаман кхетамна сурт х1уттучу кепара цхьа ницкъ белахь, хьан, муха, х1унда кхоьллина и Ницкъ? Мила ву и Ницкъ кхоьллинарг а?

     Иштта д1а, йист а, доза а доцучу к1оргене дахьо ойланаша муьлхха а стаг. Дукха наха дитина йозанехь цу 1аламатех лаьцна шайн йозанаш. Цуьнах - философии (1арбийн маттара фасафи) олу.

     Дукха бевлла мацах а, кху заманчохь а массо а къоман а философаш. Философех а, динах а идеологиш а еш, адамийн синош т1ехь олалла (власть) кхолла г1ертарш а хилла гуттара а тохара а, х1инца а. Х1унда аьлча, адамийн синош йийсаре дар – иза угаре а ч1ог1а олалла (власть) кхоллар ду. Цундела доху наха юьккъе керла – керла динан гараш, сектанаш, вирдаш.

      Далла безначу, Дала шен ц1арах, шен лаамца къобалбина хиллачу пайхамарша дитина хилла бусалба дин кегадеш, къарздеш, шаьш пайхамаршна улло х1итта г1ерташ къахьоьгу цхьаболчу наха. Царна юьккъехь ойланаш ц1ена ерш а, боьха ерш а хуьлу, амма массара а дуьйцург а дош дац, нагахь цара дуьйцург шайн сийлахь везачу Аллах1 – Делаца цхьа ша-тайпа, кхиболчу нахал къаьстина къайленаш ю а бахахь, цара шаьш шена дукхадезарца Дала къастайна ду а бахахь.

      Дела цхьаъ а, пайхамарш бакъ а беш болу нах бекъа а луш, вовшашца къийсабала декхара бацара, дикачун, мелехь долчун т1ехь бен.

     Ша вуй хаа кхетам а, ша бохург х1уду хаа эхь-ийман а делла, д1атийсина техь сийлахь везачу Аллах1-Дала адамаш, бобераш санна? Хьенах  теша деза вай, ша Аллах1 – Делах, я шаьш цу Делан ц1арах, Делан лаамашца лела бохучарех?
     Иза – угаре а коьртаниг ду.
 
     Шен Къор1ана чохь сийлахь везачу Аллахь – Дала боху, шенай, адамашнай юькъехь юькъарчалла лелон г1ертачех, шена улло д1ах1итта г1ертачех ма теша, шех а, ша бахкайтинчу пайхамарех а теша. Т1аккха декъадала, вовшашца мостаг1алла лело г1ертар дац адамаш, вовшашна т1ег1ертар ду, вовшашна юьккъехь уьйр – безамаш латто хуур ду.

     Юькъарчалла лелочара доькъу адамаш. Сийлахь везачу Аллах1-Дала а, цуьнан пайхамарша а т1етт1а узу, вовшах туху, вовшашна юьккъехь уьйр-безамаш, тешам, нохчалла латтадо.
 
    Тахана 1илма дебаш-ч1аг1даларан болар инзаре сихделла. 1илманан дай, Делан пурбанца, Делан лаамца адаман х1оранан а шеен-шен бен йоцучу, х1оранна а Дала шена-шена къаьстана еллачу геномана т1аьхьа кхиъна. Генийн инженерица, нано-технологешца муьлху а 1аламехь дийна х1ума хийца а, вовшехьэян а, эшахь къастамашца х1аллакъя а 1емина.

Х1унда бела Дала и ницкъ адамашна кху ша сихбинчу муьрехь? Адамашка вовшен х1аллакдайта, я адамийн 1ер-дахар кхечу т1ег1анаш т1е даха? Цу хаттарна къастам бен берг адамийн кхетам а (разум) адамийн эхь-ийман а (совесть) ду.

 Цунела адамаш шайн кхетамах а, эхь-ийманах а къасто г1ерта Йилбаз. Йилбаз кура даьлла. Цуьнан кара инзаре дукха ахча кхаьчна. Ахчанца дерриге дуьне а шеен дола дерзо г1ерта Йилбаз,шеен карара кхи цкъа а д1а а ца далийта.

     Цундела х1инца и шеен ахча, рицкъа къайлах бечу 1илманан талламашна т1е берзийна Йилбазо. Ца берзийна цу 1илманан иймен а, беркат а дуьненчохь дебийта. Дерзийна шайх дуьненан деланаш дан г1ерташ.

     Цхьа повесть ю оьрсийн фантаста Беляевс язъйина, «Х1аваъ духкург» (Торговец воздухом) – ц1е а йолуш. Цу повеста т1ехь цхьана зуламе профессора доллучу дуьненчуьрчу х1аваэх горгалаш (шарикаш) йо, и шарикаш шена луучунна бен д1а а ца луш, дуьненан эла хила г1оьрта иза.

Цуьнга терра дуьненчуьра дерриге а ахча, рицкъа, 1илма шен кара а дарзийна, доллучу а дуьненчуьра адамаш шен лаамна к1ел дерзо г1ерта Йилбаз. И дан цуьнан аьтто бер бу дуьненчохь Делах тешар, эхь-ийман толар революцин кепехь хийца ца лахь. Иштта боху тахана дуьненан массо а маь11ехь кхеташ болчу наха.

     Цу шен адамаш бердахдуьгучу новкъахь х1ун, мила, муьлуш бу Йилбазана новкъа? Шеко йоццуш цунна новкъа цхьаъ бен воцу сийлахь воккха Аллах1-Дела а ву, цо бахкийтина хилла пайхамарш а бу. Цундела хазахета Йилбазна адамаша шайн дин дакъошка доькъуш, дин д1асаийзош, вовшашна юьккъехь гамонаш лелош, т1емаш беш и шайн дин адамаша пайдабоцчу даккха г1ертош.

 Цундела а дуйте бусалбан пачхьалкхешкахь т1емаш, цкъан а д1а а ца доьрзуш, цкъа цхьанхьа д1адийлалуш, т1аккха вукханхьа марсадуьлуш?

     Цу долачун а бала а кхаьчна ойла йича боккъала а шайн Делах а, пайхамарех а тешаш долу адамаш декъадала а ца г1ерташ, вовошашна т1етт1а г1орта дезара, аьлла, хета.

 Цкъа хьалха бусалбанаша а, керстанаша а шайна юьккъехь барт бан безара, т1аккха бусалбанаша а, керстанаша а, доллучу а Ибреим (Авраам) бакъвечара, иудеяша а цхьана, шайна юьккъехь.

И барт хир бац дин лелочу чиновникашка х1оранга а шега-шега ладийг1ахь. И барт и дуьненан динаш схьадийладеллачу хьостахь, юьхьангахь, вай дерриге а цхьа йиша-ваша а долуш, вайн да цхьаъ хиллачахь бен карор бац.  И юъхь – Нохь – пайхамаран зама, Нохь – пайхамаран латта, Нохь – пайхамаран весет ду.

Нохь – пайхамар ву вайн массеран а да. Нохь – пайхамаран бераш ду берриге а цул т1ехьа хилла пайхамарш – Муса, 1иса, Дауд, Салман, Мохьаммад, Делера салам – маршала хилла царна массарна а.

     Нохь – пайхамар волчу юхадерзар бен, кхи некъ бац адамийн кху дуьненчохь вовшашца барт а хилла, юьхьк1айча а долуш Къематан дийнахь сийлахь везачу Аллахь – Далла дуьхьал х1итта. 


***