Нохчалла оьшура...

Саид-Хамзат Нунуев
   
      Вай дуьненан рицкъанна т1аьхьа а девлла, аьшпаш биттича вайн кегийчеран динах догдер ду, вай дуьйцург а, лелайнарш а дош а хетар дац.

Т1аккха кху дуьненчохь хан яьккхина а х1у до? Бакъдерг а дийций, кхера а ца кхоьруш, ийза а ца луш, вешан чкъор дош хетийта вай вешан т1аьхьенна? Вешан заманан бакъдерг дита вай царна, шайн заманан бакъдерг царна шаьшна карор ду.

      Ваххабиташ, цаваххабиташ, бохуш, декъа а делла, вовшен ц1ий ца 1ено вайна федералин кеманаш а, танкаш а, зачисткаш а ца оьшура, Нохчалла оьшура. Нохчалла оьшура сунниташна а, шииташна а, католикашна а, протестанташна а, баптисташна а декъа а делла вовшашца мостаг1алла ца лело а, вовшийн ц1ий ца 1ено а.

      Иза д1адовзайта вай массо а дуьненна?

      Д1аоьцур цара, ца оьцур, - иза вайн карахь дац. Вайн карахь дерг а, вайн декхара дерг а – ваьшкахь долу угаре а хазаниг, хьомениг, эзаршенрийн къоргешкара охьа ца тосуш вай схьадеанарг дуьнене ма-дарра д1адовзайтар ду. Дахар дала кечделла, сатесна 1ачу оханна юьккъе вешан беркате х1у тасар ду. Кхидерг везачу Аллах1 – Дала ша д1анисдийр ду.

**
     Партеш а кхуллуш, табарчашка декъадалар – бусалбан динехь къобалдина дац. Бусалбан умматехь волчу стага схьалаьцна коьрта некъ цхьаъ хила безаш бу – Аллах1-Далла т1е боьду некъ. И некъ муьлха бу стагана коьртачу декъехь шен кхетамо, шен эхь-иймано, шен Нохчалло хьоьху.

     Нохчаллех боьхначара бен кхийкхор дац вовшашна наь1алташ, бийр бац вовшашца т1емаш. И болх бойтург Йилбаз ду, цуьнан коьрта г1оьнча - ахча а ду.

     Ахча ду Йилбазо кху вайн йоккхачу пачхьалкхе хьовзайнарг. Ахча ду СССР йохайнарг, къаьмнашка вовшашца т1емаш бойтуш дерг, кху дуьненчохь дерриге а шен лаамца д1анисда Йилбазан аьтто беш дерг. Ахчано 1ехийна нохчий. Ахчано дохуш лаьтта вай вешан Нохчаллех.

     Тоьллачу, масийтта миллион ахча доккхучу машенаш т1ехь нахана т1ехула а хьуьйсуш, нахана куралаш а еш, нах баа а бууш маьждигашка а, зуькаршка а хехкалуш болу чиновникаш Кунта-Хьажин мурдаш бац, Йилбазан мурдаш бу.

     Кунта-Хаьажина, Дала къайле ц1инъйойла цуьнан, угаре а цадезнарг ду рицкъанца сов а ваьлла, нахаца кураллаш лелор, нах шел лахара, йорах хетар. Иза иштта, ма дара ца аьлча, стаг, хетарехь, Нохчаллех ваьлла ца 1аш, Сийлахь Везачу Аллах1 – Делах а валаран кхерам бу.