Лулахой - 2

Саид-Хамзат Нунуев
Лулахой-2

Комеди








Дакъалоцушберш:


Сулба - шо.

Учурха, шо.

Ребиса, Учурхин х1усамнана------------------------------------------50 шо.

Болатхан, Учурхин, Ребисин йо1--------------------------------------30 шо.

Чхьочу, вешин к1ант Сулбин -----------------------------------------35 шо.

Чхьочин накъост ----------------------------------------------------------30 шо.

Кесиба, Ребисин лулахо-------------------------------------------------35 шо

М1очу, Чхьочин верас, милиционер--------------------------------- 50 шо

Безамехь шо

Ши теш.

















1сурт.

Больница. Палатац чохь маьнгана т1ехь вижана 1уьллу Сулба. Цунна х1оттийна система ю. Цо, узарш деш, мохь боьтту:


Сулба   Ва-а  сан дог! Ва-а сан корта! Ва-а сан пехаш!  Ва-а сан даь1аху! Ва-а сан жаннаш! Ва-а сан хьера! Ва-а сан йоьхна жигули! Ва-а сан тишделла раг1у! Ва-а сан къанъелла зуда! Ва-а сан доцу ахча! Ва-а сан дог!  Ва-а сан корта! Ва-а сан йоцу таро!  Ва-а со ма валийтийша!!!


Сцени т1ехьа г1овг1анаш йовлу


Чхьочу  Сестра, Сулба мича палати чохь ву?

Медсестра  Собар, собар! Хьо стенга воьду, кху чу посторонни ван мегаш ма дац! Аравала кху чуьра сихха, лоьрана гале!

Чхьочу  Сестра, йитал и коммунистийн заманахьлера хабарш! Власть вайгахь ю тахана! Схьадийца, мича чохь ву сан деваша. Ахь ца дийцахь сунна сайна карор ву иза-м!

Сулба узарш дечура соцу. Цо лерана ладуьг1у учохь дечу къамелашка, не1ара улло а воьду, цунна т1е лерг дуьллу. Цунна т1ехь цатовш больницан духар ду. Коьртахь узбекин куй бу. Хечн когаш цхьаъ бехин, важ боцин бу.

Медсестра  Ва-а иза реанимации чохь ма ву. Ч1ог!а вон хьал ма ду цуьнгахь! Б1аьргаш схьа а ца боьллу. Шега дуьйцучах кхета а ца кхета, Гутара а харцлуьйш ву, ша х1удуьйцу а ца хууш.

Чхьочу  Бакълуьйш-м цкъан а дера вацара иза, ма-дарра аьлча. Делахь а шен стаг д1акхосса йиш яц олукха вай. Амма ас чу вахана пхи минот ялале то а вина, аравоккху-кх иза. Къовсий ахь?

Медсестра  Х1ан-х1а, ма г1олахь цу чу, сунна могийтур ма дац! Со балхара д1айоккахур ма ю!

Чхьочу  Яккхахь дера ю ас юхаоьцийтур! Тоьай хьуна? Хьажалахь, и валаволлург кху чуьра ведда араэккхаш!

Медсестра  Ма г1олахь! Ма г1о бохий аса-м!


Чхьочу палати чу эккха. Цунна т1ехь т1емалойн духар ду. Иза герзах вуьзна ву. Иза чоьхьа валале Сулба водай шен маьнганна т1е велча сана д1авужу


Сулба  Эх1, ох1! Ва-а сан дог! Ва-а сан корта! Ва-а сан пехаш! Ва-а сан де1аху…

Чхьочу (цомгашцунна улло г1онта охьа а лахлой) Ваша, во-о Ваша, хьуна х1ун дага деана? Ваша, хьуна вала дага-м ца деана? Ваша, во-о Ваша, кху дуьненчохь хуьлуш дерг а ца гуш, ши ког а хьаькхна, д1а ваха леа хьуна? Ваша, во Ваша, вайшиъ сана волчуьнна зама ма ю х1ара т1ег1ерташ ерг, нийса хир дуйтехьа хьо хеназа д1авахча? 1едал а, зама а хийца ма делла хьо кху чохь вижана 1уьллушехьа!!!

Сулба (мелаша, ши б1аьрг схьа а ца боьллуш узарш дечара а соцай), Муха хийцаделла?

Чхьочу  И хьой, хьан накъостий дукха хьийзайна долу коммунистийн 1едал д1а ма даьлла, Ваша! Иккхана д1адахана, басах чухахкаелла г1абакхсанна!

Сулба (цецволай, шиб1аьрг а къарзабой, куьйгаш лесто волало) Д1адала, шайт1а, Йилбаз! Хьо Чхьочуйх а тарделла деана жинт ду, я КГБ-н агент ву, соьгара цхьаъ даккха веана!

Чхьочу  Ошшада! Ва ошшада! Делах тешна! Алах1уакбар! Гой хьуна, со Йилбаз а, жин а дац. Хезний хьуна Йилбазаша ошшадаш доьшу бохуш?

Сулба  Ца хезна. Амма и кхераме хабарш кхи ма дийцалахь. КГБ ю хьуна массо 1уьргехула чукъерзаш. Массо а сонехь а церан б1аьргаш а, лергаш а ду хьуна. Ахь и хабарш совца ца дахь т1епаза лар йоцуш войур ву хьо а, хьоьга ладийг1ина со а.

Чхьочу  Ваша, яц кхин КГБ а, эккхийна КГБ! Бевдда шайн герз а, шарбалаш а охьа а кхийссина! Башха ма-моьтту боьрша а ца хиллера и КГБ а!

Сулба (кхоччуш кхералой), Т-с-с-с-с! Ма е г1овг1а, х1ай хьераваьлла стаг! Ахь дуьйцург-м баь1аш биинчо а дуьйцур ма дац! Хьенан ницкъ кхочур бара коммунисташ а, КГБ а йохон?!

Чхьочу  Нехан ницкъ кхаьчна, Ваша! Наха чу а лилхина, аракхийссина, не1арехула аравала ца ларийнарг корехула ара а лестош!

Сулба (ц1еххьаршха велалой, г1адвоьду) Суна тамба г1ерташ, со левеш воллукха хьо, Чхьочу. Дела реза хуьлда хьуна. Хаза ма ю, Чхьочу и хьан цхьайолу забарш.

Чхьочу  Забарш яц, Ваша, какой забарш? Зама ю хийцалуш. Вайн дайша олуш хезний хьуна: «Замано ха хорцу»? Х1ан, х1ара газеташ дешахьа, соьх ца тешахь. Гой хьуна – обком долой, Верховни Совет долой, КГБ кхи а гена долой!

Сулба  ( сихха, катухай, газета схьаоьцу. Деша волало. К1егар хуу маьнгана т1ехь. Хьалаэккхай, чухула д1асахьаьвза газета а доьшуш. Ц1еххьана, соцай, газетах хьожа боккху. Коре а волай, чекххьожу. Церг тосу газетах.) Ванах, я х1ара боккъале а бакъ ма ду, я со кхоччуш хьера ма ваьлла!

Чхьочу  Хьо хьера ца ваьлла, Ваша, вала волу, бохуш халбата хеъна а уа 1аш, дуьненахь хуьлучун бала кхачабезаш хиллера. Латае радио, телевизор, ара а вале нахе хата, т1аккха кхетар ву хьо доллачух а. Дукха х1уманаш ма хийцаделла вайна хьо вижана 1уьллушехь. Берриге а и хьан накъостий ма бу и революции йинарш.

Сулба  Сан накъостий? Уьш муьлуш бу?

Чхьочу  Эвлаюьккъехь х1уш духкуш хилла астаг1а Аровбика ма евза хьуна?

Сулба. Муха ца евза? Шена майрачо астаг1а ю, аьлла т1ехтоьхча, хьокха биттина цуьнан ност ца йойнера цо, х1инца хьо а ву хьуна астаг1а, бохуш?

Чхьочу  И Аровбика юкха х1инца вайн юьртада, аьлча а , юьртанана. 

Сулба  Осто-опирла, ма х1уманаш гур хилла вала вахвелча.

Чхьочу  Иза-м х1умма а дац хьуна. Вайн районан прокурор мила ву хеай хьуна х1инца?

Сулба  Мила ву?

Чхьочу  Мацах Суьлийчуьра лачкъайна шинарш а ялийна, ит шо хан а тоьхна чувоьллина хилла Муьста Ирзера Хунт1ин Махьама дагавог1ай хьуна?

Сулба Дера вог1у! Иза вахайтина?

Чхьочу  Ца вахайтина. Цуьнан к1ант Харцмирза вахайтина-кх.

Сулба  Цо а-м ца лечкъийнера шинарш?

Чхьочу.  Дера ца лечкъийна. И борз хьанха яц шинарш лечкъо ешачарех. Цо шен стуненан корта бекънера-кх диг а тоьхна.  Дага ца дог1у хьуна? Хьо ма вара х1етахь, маржа я1, сан бажа хили велара иза, бохуш, лелларг.

Сулба  Осто-о-о-о-пирлах1! Уьш ма тамашена х1уманаш ду. Со кху чуьра аравалаза а ма ю бут гергга хан! Оцу цхьана жоьлгаша декхара д1адоьхуш, вала а, вола а меттиг ма ца битанера сунна, кху чу а веана, д1а ца лечкъача. Боккъала а, Чхьочу, ахчанца г1уллакх дика дац вайшинан. Суна а нислур бацаратехь цхьа г1ехь кара х1ума йог1у болх?

Чхьочу  Белхаш шортта ду, амма х1оранан а шен шеен мах бу. Бесплатно даржаш д1асакхуьйсу мур чекхбаьлла х1инца.

Сулба  Х1у белхаш ду уьш, ва Чхьочу? (леррана т1евоьрзу)

Чхьочу  Короче, Ваша, 5 эзар доллар доьхуш дерш а ду, 20 эзар доьхуш дерш а ду, 50 эзар доьхуш дерш а ду, 200 эзар доллар доьхуш дерш а ду, 1 миллион доллар доьхуш дерш а ду!  Любой болх, вайшинан кошелеке хьаьжжина!

Сулба  Ой! Ткъа башхаллаш муха ю царна юьккъехь?

Чхьочу.  Башхаллаш дера ю мискалло дарвинчу  невцаний, хьоло воьттанчу студений юьккъехь сана! 5 эзар доллар а дела эцначу балхаь веккъа ц1ена хьайн алапе т1ехь 1ен дезар ду хьан.  20 эзар деллачу балхахь алапа а хир ду, жим-т1ама ядо х1ума а хир ю. 50 эзар деллачу балхахь алапа а хир ду, ядо х1ума а хир ю, цул сов наха взятканаш а кхийдор ю. 200 эзар деллачу балхахь алапа а хир ду, ядо х1ума а хир ю, взятканаш а хир ю, почет, уважении, медалаш а, орденаш а хир ю. Миллион а дела ваханчу балхахь и дерриге а хир ду, цул сов улло яьккхина охрана а хир ю, уллохь мигалкаш а йолуш милицин машенаш а хир ю, наха мот хьоькхуш, лийча ца лийчичи а гуттара ц1ена а хир ву хьо, бесплатно хьаьжац1а ваха путевка хир ю, цул сов…(Лере а таь1ай, цхьаъ олу. Сулба, велалой, г1адвоьду)

Сулба  Д1аваьллахь, Чхьочу, и сайн долу зудчун г1ам а совдаьлла 1аш ву хьуна со! Хаза яй и хьан забарш – м, соьца дукха эвхьаза ваьллехь а. Х1ан-х1а, к1ант, 5 эзар дела болх сунна а ца оьшу, миллион делларг соьга эца а лур бац. Цхьа кхин говза-а-а бозбунчаллаш ца лелохь вахалур моьттуш вац со. Схьагарехь х1ара коммунистийн заманчохь хиллачул а галдолуш лаьтта. Кху чоь лечкъана 1ийча а, жерочо ма аллавра, 1арах г1уллакх хир моьттуш вац со. Сестра-а-а-а! Во-о-о сестра! Схьая сан т1еюху х1уманаш!


Чхьочу  Сестра-а-а! Схьая кхуьнан х1уманаш! Ас бехирай хьоьга, ас х1ара товийр ву!


                Кирхьа.

 



2 сурт


       Учурхин, Ребисин х1усам. Цершинан йо1 Болатхан чохь мел долу х1ума т1екъалкхуьйсуш, цхьаъ лоьхуш ю. Цунна т1ехь камуфляжни духар ду.


Болатхан  Не1алт хьо сунна йилланчунна1 Суна карор маю хьо! Хьо сунна йилланарг а карор ву, со дийна йиссахь! Со хьанха яц сайца нахе х1ич-пич1 леладойтур йолуш!

       Маьнган т1ера мот т1ек1алтуху.  Шкафа чуьра бедарш охьакхуьйсу. Чамданаш чуьра х1уманаш д1асакхуьйсу. Маьнганна к1ел хьожу, т1аккха маьнганна к1ел йоьду. Цу к1елхьара схьа ца ялалуш, маьнга чухула д1асаидабо.
       Чоьхьа йолу цуьнан нана Ребиса. Ч1ог1а цецъйолай юьссу.

Ребиса  Ошшада! Ва ошшада! Х1ара х1у ду дан мукъа? Орца далийша! Ва- - а нах, орцах довлалаш! Маьнганна чу са деана шуна!  Орцах довлалаш!

Болатхан ( Маьнгана к1елхьара)  Ма деха орцаш, х1ай 1овдал! Со ю, хьн йо1 Флорида! Схьаяккха со кху маьнгана к1елхьара!

Ребиса  (цецъйолай) Ва-а-а устазаш, х1ара х1у ду дан мукъа? Болатхан, хьо х1у деш ю цу бухахь? Хьан йоьллана хьо цу к1ел? Х1ара х1у ду дан мукъа? Хьо ма да адамашка! Ва-а-а устазаш! (юхай, гонахьа хьийза)

Болатхан  Битахьа, мама, устазаш, х1уде боху аь цаьрга? Устазаш 1адда а битай, х1ара маьнга хьала а айбай, со кху к1елхьара схьаяккхахьа!




Ребиса Ва-а-а Дела, ва-а-а устазаш, ма тамашена х1ума ду х1ара дан мукъа! Лаза-м ца йина хьо? Хьан йоьллана хьо цу буха йолла мукъа?  ( тасалой, маьнга хьала а айбой, цу къелхьара шен йо1 схьайоккху.

Болатхан ( хала, «эх1, ох1» деш, к1елхьара схьайолу.) Цхьаммо а ца йоьллинера. Мила ваьхьар вара со цу к1ел йолла? Со хьанха яц сайца нахе х1ич1-п1ич1 леладойтур йолуш!

Ребиса  Ва-а-а йо1, ма къематан де ду кху чохь дерг! Х1ара хьан дина?

Болатхан.  Къематан де дера ду сунна и халбач схьа ца караяхь! Цхьаммо халбач йоьллина кху вайн ц1ийнах со нахе мааре ца йигайта! Понятно, мамуля? И лоьхуш ю со. И схьа а карайна, д1а ца яьккхича со мааре юьгур яц боху! Цундела уьдуш, лечкъаш хилла соьх и нах йоцу х1уманаш! ( Юха а чуьра х1уманаш д1асакхийса йолало).

Ребиса (Кхин а ч1ог1а цец1йолай)  Халбац? Х1ун халбач? И х1ун ю, йо1, ахь юьйцург?

Болатхан (Оьг1азе, нанна т1е а чийхаш) Со мааре ца йигайта халбач йоьллина хилла цхьаммо кху вайн ц1ийнах! Кхи муха дийца деза хьоьга, мамуля! Иштта тупой ю хьо? Цундела ца юьгуш хилла со мааре цу шайн дена наь1алт сеттарша! Амма суна схьа-м  карор ю и халбач1! Ас ц1е тосур ю хьуна цуьнах!  Со-м хьанха яц сайца нахе х1ич1-п1ич1 леладойту йолуш!!!

Ребиса  Ва йо1, хьоьга хьан х1у дийцина? Со кхета а еш, алахьа, со ца кхета хьан г1уьрт1игех!

Болатхан  Соьга пал тосучу зудчо схадийцина-кха ша дерриге а! Цунна ша дерриге а ма хеара, ас шега х1умма а д1а а дийцале!

Ребиса  Х1ун хеара цунна, ва йо1?

Болатхан   Цо со марехь яц бохура. Я марера ц1аеана ю бохура. Короче, со марехь йоцай хеара-кха цунна суначул а шера.

Ребиса.  Иза-м хьанна а хуур ду хьан хат1 гинчунна.

Болатхан.  Муха ду сан хат1? Х1ун хилла ду иза? Ас х1у, сайца нахе х1ич1-п1ич1 леладайтина?!!

Ребиса.  Хьайн духаре, хьайн леларе хьажахьа! Йоь1ачух тера х1у ду хьан? Хьо-м ц1енна боевичка ю. Нахана зударий ма беза, эсала а, к1еда а болуш, хьо сана берзалой ца еза. Со-м к1адъела хьоьга бага лейина.

Болатхан. Х1ун хилла ду сан духар а, хат1 а? Хьо  х1ун эладиттанаш дийца г1ерта хьайн  йо1ана? (буйнаш а дой, нанна т1е хьоду)

Ребиса  (Кхералой, хьалхара д1айоду) Д1аяла, 1овдал, лата-м ца йоллу хьо хьайн ненах? Аса-м хьо кхи а сов дика а, эсала а, товш а хилайта лууш ма боху!

Болатхан  Х1ан-х1а, мамуля, г1уллакх хир дац халбач схьа ца карийча. Схьалаха аьлла цу пал тосучу зудчо. Кара ца яхь, 1аьржа ши котамме,  ит баь1а туьмайе дахьаш шена т1е юхайола, аьлла, т1аккха ша буьйсанна жинаш а дахкийтина, цаьрга д1айоккхийтур ю, аьлла. Цундела сунна улло а х1оттий, халбач схьалаха, я базара а г1ой, 1аьржа ши котам эца, шайкай тоже давай!

Ребиса  (куьйгаш д1аса а лестош) Ва-а-а устаз, ян мукъа х1ун ю бохура цу зудчо и халбач1?

Болатхан  Ас х1ума юуш болу 1айг, я м1ара, сан коьртара месаш, сан носке, чухула юху белье, мача, уьш ерриге а вовшах а хьерчайой, бой цхьа уьйриг хуьлу бохура-кха цо.


Ребиса  Ой! Со яла елла! И халбач1аш-м ахь айхьа денна еш ма ю! Уьш йоцуш-м вайн чохь меттиг а ма бац! И зуда, хетарехь, вайгахь хилла юкха!

Болатхан Ас еш ерш ца юьцу цо, х1ай 1овдал! Наха, со ца езачара, соьх хьоьгучара сунна йинарш юьйцу!

Ребиса  (Цецъйолай) Ой! Хьуна муха къаьстар ю айхьа йинарш наха йинчерах?

Болатхан  Со иштта 1овдал хетта хьуна, мамуля?  И хьан хабарш бахьанехь меня замуж не берут! Хьуна ма хеа и халбач1 мичахь ю! Гинай хьуна иза? Гиний? Дийца, мичахь ю иза? ( Т1екхетай, месаш а лоцай, шеен нана д1аийзайо. Нанас мохь хьоькху)

Ребиса  Ва-а-а нах, ва-а-а устазаш, орцах довлалаш! Со юьйш ю шуна х1инца кху 1овдалчу йо1а!!!

       Чуэккха Боатханан да Учурха карахь топ а йолуш.


Учурха  Ой! Саца! Собар де, х1ай ши Йилбаз! Х1ара х1ун ду дан мукъа? Араяла кху чуьра ший а! Яхайта сан кертара, ас сайна кхи зуда ялор ю! Араяла сихха, ас топ йоьтту шуьшинна!


Болатхан  (Т1екхетай, шеен дегара топ схьайоккху) Топ хьанха еттар ю ас шуьшинна. Ш уши т1уьйлаг девзачара ма ца юьгу со мааре!

Учурхай, Ребисий хьалхара уьду. Карахь топ а йолуш, Болатхан цаьршинна т1аьхьа уьду. Цара, маьхьарий а детташ, чухула гонаш туьйсу.

Ребиса  Д1аяккха и топ, х1ай 1овдал! Доь ахь хьайн дай, наний!

Учурха  Лаг ма озалахь! Лаг ма озалахь, патарманаш ду хьуна цу тоьпа чохь!

Болатхан  Шуьшинна моьттург хьанха дац бакъ! Со хьанха яц сайца нахе х1ич1- п1ич1 леладайтина!!!

       Топ йолу. Маьхьарий довлу. Бода х1утту.



                Кирхьа.





3 Сурт
 




      Пачхьалкхан офис.  Стоьла т1ехь хе1на 1а Ребиса. Цо корта хьала а ца та1ош, кехаташ т1е ондда, тата а доккхуш, мух1арш доьтту.  Чоьхьаволу Сулба. Ребисас иза тергал а ца во. Сулбас хьоршамаш туху, ша вуй хайта г1ерташ.  Амма Ребисас иза тергал ца во, шеен болх ца сацабо.

     Сулба  (улло а воьдай, кхин а ч1ог1а йовхарш туху.) Болх меле хуьлда хьан, Ребиса!

     Ребисас иза юха а тергал ца во, шеен болх ца сацабо.

     Сулба Х1ара-а-а цхьа справка езара-кх сунна, Ребиса!

     Ребиса (Корта хьала а ца та1ош, болха ца сацош) Ши туьма.  Багахула справка яларна.

     Сулба  (Кхи а ч1ог1а цецволай) И муха справка ю багахуле елларг? 1аьвшина справка-м яц иза? Со бер ма дац, сунна 1аьвшана йоцург а мегар ма ю, т1ехь мух1ар хилчахьанна.

     Ребиса  Х1у тайпа справка еза хьуна? Хьуна мел оьшу справканаш йийр ю-кха оха хьуна!

     Сулба   БТИ олучу меттера справка езара-кх сунна. Квартира ю соьца наха къуьйсуш.

     Ребиса.  Эзар сом.

     Сулба  Х1ара-а-а, сан ц1арт1ехь ма яц иза, нехан ц1арт1ехь ю.

     Ребиса  Ши  эзар сом. Хозяинца разбирайся как хочешь. Цуьнах оха жоп ца ло.

     Сулба  Х1ара-а-а Ребиса, и квартира мацах дуьйна сан хилла аьлла ордер хир ярийтехь?

     Ребиса (корта хьала а ца та1ош, болх а ца сацош. Иза справканашна т1е мух1арш детташ ю, конвеерехь сана) Ордерах – кхо эзар сом.

     Сулба  И квартира ерг суьде валахь? Т1аккха х1уда деза?

     Ребиса  Решение суда – ит эзар сом.

    Сулба  Ой! Квартира йолчо дов хьедахь? Т1аккха х1у дан деза?

     Ребиса  Бандитски разборкаш – шовзткъа эзар сом. Цхьа стаг вен везахь – баь1а эзар сом.

     Сулба  (кхоччуш цецволай)  Ой! Шун-м ша массо х1ума а базарахь нерс-помидор сана духкуш ма ду, шен-шен мах а болуш!

     Ребиса  Социализм д1аяьлла, накъост. Т1ееана шайкайнизм. Шайкай юй – дерриге а хир ду. Яций – хан ма яйа. Хан – ахча ду. Шайкай – капитал. Оьрсийн маттахь -  капитализ. Нохчийн маттахь – шайкайнизм.

     Сулба  Шайкайнизм ю я шайт1аназм ю – м хаац, Делах кхоьруш х1уманаш-м дац вай лелош дерш.

     Ребиса  Заказ мовлид читать – ши эзар сом.

     Сулба  Ой!  Иза а ахчанга даьлла х1инца? Аша-м охьадоьду хи хьаладоду, аьлла а лур ма ю справка шайна ахча делчпа!

     Ребиса  Гидрогеологашкара а картографашкара а любой справканаш -  ши эзар сом.

     Сулба  Ребиса, бакъдерг дийцалахь, Волга хи Гермачигах чекхдолу, аьлла справка лур ярий аш?

     Ребиса Амазонка Ч1ишкахула  чекхдолу аьлла а-м лур ю ахь шайкай схьаелчахьана. Вайн карахь дац х1ара мух1ар мичча а кехатана т1елато?

     Сулба  Ой! Со вала велла! Аша-м стаг хьеравоккхур ма ву!

     Ребиса  Жинех д1ац1анве жайнеш: кхо са берг – 500 сом; пхи са берг  - 800 сом. Зударийн ямартлонах д1ац1анвеш дерг – пхи эзар сом.

     Сулба  Ой! Зударех ларвеш дерг жинех ларвечал а итаззу сов деза х1унда ду шун?

     Ребиса  Зударийн ямартлонаш жинийчерал а шовзткъе ткъесназза алсам ю боху х1уманаш хуучара.

     Сулба  Эх1! И ма нийса элира авхь! Иза-м бакъхила мегаш а ду! Ма мах бац дикачу зударийн, Ребиса, цхьа хьо санна болчеран. Оьзда а болуш, дикачу ц1ент1ера а болуш. Ишттачу ц1ент1ера тхешан к1антана яло йо1 ца карош, къанвеш вукха оха иза.

     Ребиса  (Гуш лаьтташехьа хийцало. Болх д1атосу. Шиб1аьрг къаьрза. Стоьла т1ехьара хьалаайло.)  Сулба, бехкк ма биллалахь сунна. Кху балхахь – м могаш-парг1ат хата а, вайнехан г1иллакхаш лело а, ша дерриге х1ума а диц ма ло. Бехк ма биллалахь сунна. Сулба, х1удеш ду шу? Могаш 1ай хата мел везарг а?  Сингаттам боцуш 1ай шу?

     Сулба  Дика 1а тхо-м. Дала дика кхобу, вай шена цабечу темашка хьаьжча мухе а.

     Ребиса   Вайн темаш ца оьшура Дала-м, вай вовшашца дика, тарлуш хилчахьанна. Оф-фай, Сулба, мел дукха г1уллакхаш до хеай хьуна ас нахана кху балхахь? Цхьа стаг д1а ца вохийтукха ас кхузара цо йоьхху справка ца луш. Нахана оьшучунна яла а елла юкха со! Иштта дика а, иманехь а кхиош юкха ас и сайн цхьаъ бен йоцу йо1 а.

     Сулба.  Йоккха хилла, ц1ера ялаза йо1 ю хьан, ва Ребиса? Вай лулара д1асадевлчахьанна сунна дерриге а дага а ма ца дог1у.

     Ребиса Дера ю. Цхьа малайк дукха кхиъна даьлла, туй тасаза д1а а хьожур воцуш. Шен бер хестош товш-м дацара, вуьшта, вай вовшашна хийра а доцудела дуьйцу-кха ас. Цхьа муьлуш бу а ца хуучеран ц1ент1е а яхана зея а ца леара. Нехан нахе кхочуьйту х1ума а яцара иза… Кхуам бара цуьнан…

     Сулба  Ребиса, ц1е муха ю цу вайн маликан?

     Ребиса  Ц1е дера ю Болатхан.

     Сулба. Болатхан? И ма тамашена ц1е ю. И мичара яьлла шуна?

     Ребиса  Ч1ог1а еза ц1е ю бохукха иза дешначу наха.

     Сулба  И хьан тиллана цунна, ва Ребиса?

     Ребиса. И дера тиллина цуьнан дас Учурхас. Ч1ог1а дукха дешна стаг ма ву и цуьнан да. Верх1ита шарахь заочно институтехь дешна цо угаре а и советан 1едал ч1ог1а долчу хенахь. И книгаш дукха ешна, ешна, ешна, х1инца-м коьртаца а жима галваьлла олу цунна наха.

     Сулба. Вог1ур ву со Учурха волча кестта.

     Ребиса. Дийнахь воьллахь, сарахь-м ц1ахь ца хуьлу иза. Балхахь ву иза. Ч1ог1а жоьпаллин, хехочун болх бу цо беш

     Сулба  Вог1ур ву. Обязатална вог1ур ву. Хьанна хеа, гергарло ч1аг1дала а ма мега вайн.   

     Ребиса  Справкашна г1айг1а ма хилайталахь,Сулба.  Сан ницкъ ца кхачахь, вайн важа ши йиша а ю хьуна паччахьалкхан белхашкахь. Б1аьрган ниг1ар ца тухуш муьлхха а хьуна оьшу г1уллакх дийр ду хьуна оха. Тхан тайпана мел волу стаг, ворх1 шарера баь1а шо кхаччалц пенсеш оьцуш бу хьуна, дкъа шо хьалха белларш а цхьана.

     Сулба  Ребиса, сунна пенсии х1оттор дарийтехь цара шахтер хилла аьлла?

     Ребиса (цаешаш, куьг ластадо) Д1авала, дера х1оттор дукха космонавт хилла аьлла –ам!  Вуьшта, схьадала маца долор ду-м хаац. Герз оьцуш бу боху вайн хьаькамаш.

     Сулба  Ма дика ду со чу веана хилла. Х1инца-м хала а дацара кху даймахкахь ваха.

     Ребиса  Шеек д1а ма валалахь, Сулба, милицин начальник вайн ненашичин йо1 яханчун маьхча ву хьуна. Прокурор кху стеган шичегахь йолчун девешин к1ант хуьлуш ву хьуна. Тхан министран йишин йо1 вайн ненавешин  шозлаг1чу зудчун хьалха маре яханчахь винчу к1антехь марехь ю хьуна.  Вайн районан префект сан марненан шичин к1ентан доттаг1чунца цхьане хьаьжац1ахь хилла ву хьуна.  Со суо шозза хьаьжац1ахь хилла ю хьуна, ларрайначух юха а г1ур йолуш а ю хьуна. Вайн маьрйишин шича муфтиятехь волчу Майра-Хьаьжин вешин к1антехь ю хьуна.  Иштта таронаш ю хьуна вайн!

     Сулба   Ша дерриге 1едал а вайниг дукха, схьагарехь!

     Ребиса   Нахана охьате1ар дац вай, Сулба. Хьо гергарло дезаш велахь, вайгахь шортта таронаш ю хьуна, муьлхха 1едал т1едаг1ахь а!

     Сулба Д1авоьду со, Ребиса, 1адика йойла!

     Ребиса  Г1о! Некъдика хуьлда хьан! Диц ма делахь, муьлхха а г1уллакх хир ду хьуна хьана, вай дийна хилахь!

     Сулба  (Сехьа а волай, ша-шега)  Осто-о-о-пирлах1, ма д1анисбелла х1ара нах!  Ма ахча доккху кхара, х1умма а цхьаннех а эхь а ца хеташ!  Х1ан-х1а, иштта 1ийна вер вац. Коммунизм йолуш а соьга дакъа ца кхачайтира кху наха, х1инца а соьга х1ума кхачайта дагахь бац. Х1айтъаьлла хьовза веза, муха хьаьвзана а. Къарвеллачунна-м кхара т1е мийраш беттар ма бец, шаьш угаре а тоьлла бусалбанаш ду а бохуш!






                Кирхьа.               










4 CУРТ



Склад. Буьйса. Хехо вижина 1уьллу. Кертавог1у ш къу. Б1аьрг беташ лела .Х1умма а ца крайо.

 Къу: Кху кертахь-м ца диссина ка хьаькхча куьйгах даха к1охцалг а.
 Ц1ена болх бина берзалоша. Товара бухара асвальт а цхана д1а-м яьхьна.
 Моьлкъанан ма1аш карор яра кху кертахь тохара коммунисташ болуш!
Цара-м шаьш яахь а, жимма нахе а кхачийтора. Вайн меца берзлой кеста юзур яц. Д1огехь цхьа х1ума ма ю гали сана.  Х1ара-м хехо ма ву!   Ван а ма ву. Хецна ворда яддал чамбоцуш а ма ву!   Вайн Делор, иштта хаза волу дела ма витана х1ара а д1а  а ца хьош! Х1ей, хехо! Самавала, ваша, къуй баьхкина хьуна!

 Учурха: (набарах волий реза, воцуш )  Х1у де боху аш?  Нету ничаво!

 Къу: Лачкъо х1умма а яц хьо волчехь, Ваша?

 Учурха  Яц! Витийша со наб ян!

Къу: Мичахь ю а хаьий хьуна?

 Урурха Ца хеа! Ма хаза г1ан гуш воллура со, ахь сам ца ваьккинехь. Хьо стена лела буьйсанна юьккъехь? Х1инца къуй дийнахь бог1ий ца хеа шуьшинна?

 Къу гонахьа  б1аргбетта вулу. Т1аккха хоту.

Къу: Центральни скадехь йисина х1умма а?

 Учурха  Цхьа сторож д1а а вахана диссина зуд-м ду цигахь, кху г1алахь мел долу ж1аьла т1аьхьа а даьккхина, керт мел ю хехкалуш. лелаш.   

Къу: Элеваторни складехь х1у ду? 

 Учурха: Элеваторни складехь мукадехкий дукха мацалла дала дохкуш д1асауьдуш. Шина когашт1ехь долчу мукадехкиша  кидняк йина царна.

 Къу: Респотребсоюзан складшкахь дуй х1умма а?

Учурха  Цига-м коммунисташ болуш дуйна нуй хьаькхнера! И безлой шен хенахь кечъелла хиллера перестройкина.

 Къу: Ваша, хьо х1у ларъеш 1а кхузахь, хьайн ц1а а вахана, ши ког д1а а билина, д1а ца вуьжуш?

 Учурха:  Со дера 1а стаж ларъеш. Со лаккхарчу балхара ваийтина вара кхуза ка хьакха. Со вог1уша-м  х1ара склад товарах йоьттина яра! И цхьанна а луш доцу пенси а новкъа хир дацара-кх. Къахьега 1еманчу стагана шен ц1ахьчул, арахь наб а парг1ат ма кхета.
 Къахьегна стаг ма ву со.

Къу:  Делахь со д1авоьду, Ваша! Х1умма а яц, гарехь, хьо волчахь ядо.

 Учурха  Муха яц? Со волчехь-м нехан йоцург а хьаха ю. Со сама а ваьккхина, х1ума а ца хьош, д1аваха г1ертара шуьшиъ? Хьажал, х1ара лаьтта 1алаг1ожа гой хьуна?

Къу:  Го. Х1у  ю иза?

 Учурха: Х1у ю-м ца хеа сунна, амма 1аламат лакхара мах болуш а ю, ц1ент1ехь 1аламат пайдехь х1ума а ю. мах ца къуьйсуш, баь1а туьманах д1алокха ас иза шуьшинна. Баь1а туьма х1у ю х1инца? Цуьнах х1инца цхьа устаг1а а ца бог1у.

Къу:  Ваша, х1ара х1у 1алаг1ожа ю дийцахьа, мах-м т1аьха буьйцур бара вай.

 Учурха:  Х1арий? Х1ара х1ун ю хаахьара-м тохара кочара яьккхина хир яра ас х1ара. Х1ара заказ йина инженер Дудаевг1ара кхерайна Идал дехьа ваьлла боху, вайн берзалойн кхуьнца бала а бац. Кхуссуш, я эккхаш х1ума елахьара-м  хуур дара царна х1ара х1ун ю.

Къу  Ваша, х1ун ю а ца хууш йолу х1ума эца боху ахь соьга?

Учурха:  Вуй! Х1ун ду а, х1ун леладо а хууш лелош дув ай х1инццалц мел лелош дерг?  Кхуьнан 1едало х1оттина мах шайна хаахьара, ядийна дахьуйр яра аш х1ара! Кехаташ т1ехь кхуьнан мах пхийта миллион, ши эзаре, баь1ей вирх1итта сомме, ялхийта кепеке ма бу! Х1ара д1а мича тосуш ю хаахьара кхо-м цхьа ах г1алара  кхобур яра. И документаш дайина-кх цу ведда ваханчу г1азакхечо, иза юха ма вариг! Ца деза вай кху г1азакхашна.

Къу: Х1ан-х1а, Ваша. Дукха еза ю х1ара машен т1е йилла а. Д1ахьош машен лаца  а дезар ду ши-кхо баь1а туьмнах.
 Учурха: Осто-о-о-пиралах1, ма тамашина къуй баьржана вайна. Х1ан, схьало хьайн куьг, кхузткъа туьмнах д1ахьо хьайна.

Къу: Х1ан-х1а, х1ашт яц суна иза.

Учурха  Шовзткъа туьмнах дахьо!

Къу: Х1ан-х1а, Ваша, баркалла.

Учурха: Ой, ткъа туьмнах-м хьуьр хир ма ю ахь!

Къу: Ваша, со жимма б1арг тухуш вола а вела юхавог1у хьуна. Со юхаверзалц латтаелахь и хьайн 1алаг1ажа,  кхечунна д1а ца юхкуш!


Учурха Э-э! Со-м хьаха ца левор ахь! Хьо верх1ителг1а ву и аьлла д1авоьдуш верг. Цхьа а юха а ца веана! Дика ду, ма эца 1алаш1ожа. Цуьнан цхьа да вер хир ву. И д1аге ц1амза ирах а бахийтина лаьтта подъемни кран гой хьуна?

Къу  Го!

Учурха: И кран д1алокха  ас хьуна шина баь1а утьмнех! Ша и сахьт сана болх беш хилла кран юкха иза нийса шо хьалха!

Къу: Дика кран ю иза-м! Вуьшта, аса мича х1оттор ю иза? Кху кертара ара муха йокхур ю? Гуш а хир ма ю иза, лачкъайчи а.


Учурха Осто-о-о-пиралах1, ма тамашина къуй баьржана вайна.  Хьуо иштти кхоьруш хилча ц1ахь 1е, зудчунна улло д1а а лачкъай! Хьуна кхи г1олехь х1ума карор моьтуш вац со кху республикехь катоха!

Къу: Берзлой дуккха яьржина вайна,  Ваша!
Д1авоьду.

Учурха: (Ша шега) Иза а бакъ ду. Дукха яьржина берзлой. Да-а, Учурха, тишделла г1улакхаш. Ядо х1умма а ца йисина. Складаш яссаелла. Колхозшкара, совхозшкара бежнаш д1адигна ца 1аш, бежний хьоьвданаш а д1адаьхьна,   цхьа а кибарчиг ца юьтуш. Иштта д1адодахь мац1еллачу берзалоша  вовшен пехаш дуур ду.



                Кирхьа




 5 сурт



     Учурхинун, Ребисин керт. Учурха тхов т1ехь ж1ов етташ ву. Цуьнан х1усамнана Ребиса уьйт1ахь нуй хьоькхуш ю. Машен соцу. Ков доьтту цхьамму.


     Ребиса  Х1е-е-ей стаг! Машен сецна вайн кет1ахь. Ков ду вайн детташ. Охьавоссахьа цу тхов т1ера!
     Учурха  (Резавоцуш)  Шен да хьакхайца воллийла и деттачан! Суна схьаяхьаш ца вог1у хьуна цхьа а да!

     Ребиса  Д1аяхьа а ца вог1у хьуна иза хьоьгара д1а а хилла. Совдерш а ца дуьйцуш, ара хьажахьа, хьо цу тхов т1е д1авихкина вацахь!

     Учурха  Айхьа деллахьа хьайна эшахь. Со чу восса веза кху буьххьера?

     Ребиса  Ма восса делахь. Цкъан а цу т1ера чу а ца вуссуш, цу т1ехь 1аш велара хьо.

     Учурха  Ахь х1у элира, зуда?

     Ребиса  Х1умма а ца элира. Айса схьадоьллу ас. Цу т1ехь 1ехьа хьайн мот-г1айбий хьала а даккхе!



     Ребисас ков схьадоьллу. Чоьхьаволу Сулбай, цуьнца М1очуй.

     Сулба  Дика мел дерш кху ков-керта!

     Ребиса  (Цецъйолай, шена хазахета моттийтуш) Ой, Сулба, шуьшиъ ва могаший, маьрший! Шуьшиъ ма бакъ веара! Схьавола, чоьхьа вала ший а! Х1е-ей, стаг, хезий хьуна? Хьеший баьхкина вайга!

     Учурха  Х1у хьеший бу уьш? Х1у оьшу царна?

     Сулба  (Тхов т1е хьалахьожу) Учурха, хьо вуй иза? Оссолом 1алайкум!

     Учурха  (Оьг1азе) Ва1алайкум салам. Ву дера. Со бен кхи мила хир ву сантхов т1ехь?

     Сулба  Хьоьца цхьа жима г1уллакх дара тхойшинан.

     Учурха  Со кхут1ера чу ца воьссича ца хуьлу шуьшинан г1уллакх?

     М1очу  Накъост, тхойшинга хьалавала боху ахь цу тхов т1е?

     Учурха.  Дера ца боху. Везавеш ма ву шуьшиъ, ас кхайкхина валайчи сана!

     Ребиса (Халчах1уттай)  Ва-а, стаг, чувоссахьа хьаштдочурш а ца дуьйцуш! Х1орш-м ч1ог1а бехке хьеший бай! Охьа а воссе, цкъа ладог1ахьа кхара деанчу г1уллакхе!

     Учурха  Сулбех маца хилла бехке хьаша? Мацах вай лулахь долуш вайн хесара хохаш идайнарг вац х1ара?

     Сулба  Хох къаьркъанна т1е кхоллуш хуьлу. Хох а, къаьркъа а къонахчун даар ду!  Мацахлеранаш а дитай, чу воссахьа, Учурха, вайх х1ара М1очу а ца кхардош. Охшимма деанарг цхьа башха г1уллакх ма ду.

     Учурха  Хеара сунна хьан башха г1уллакхаш-м. Я цхьаъ еха воллу, я цхьа айхьа лачкъайнарг эца хьайгара ала воллу. Дагадог1ай хьуна ахь суна йоьхкина вайн лулахочун Мурдалан калош? Уьш мовлид йоьшучахь гучу а евлла, со Мурдала воьчура ма велира, со ша ц1ахь а воцуш, шен зуда йолчу а веана д1авахана, шен калош а эцна, бохуш!

      Ребиса  Ва-а-а-а, хьо ма да т1е! Ма х1иттадехьа вай юьхь1аьржа! Чувоссахьа цу буьххьера! Цкъа ладог1ахьа кхара бохуче!

     Учурха   Схьая сан топ! Мичахь ю сан шалго топ?!

     Ребиса  Тоьпах мукъа х1у до ахь, х1ай стаг? Хьера-м ца ваьлла хьо?

     Учурха  Со х1унда ца волуш ву хьера, дерриге къам а хьера даьлча?  Схьая сан топ!

     Сулба  Учурха, ас дош ло-кх хьуна топ а, автомат а, гранотомет а, лаахь танк а яла! Цкъа чу воссахьа цу т1ера!

     Учурха  Ахь муха ло, хьайгахь ч1ижарг1а а ца хилча?


     Сулба  Дика ду х1ета (Кехула ара мохь туху) Чхьочу! Ва Чхьочу! Чукъарзал кху керта! (Чоьхьаволу герзаха воьттина Чхьочу) Гуш вуй хьуна и къонаха? И къонаха шеен герзацанна хьуна д1авала даьхкина-кх тхо, хьой, Ребисий реза хилахь! Охьа вуссий хьо цу тхов т1ера?

     Ребиса  Охьавоссахьа, х1ай стаг! Ахь лелош дерг Флоридина д1ахаахь х1у хир ду ца хеа хьуна?

     Учурха  Дика ду х1ета. Охьа вуссу со. (чу а вуссуш) Чу доьлху вай, я арахь дуьйцу?

     Сулба  Арахь 1ийр ду  вай. Хаза де ду тахана.

     Учурха Дика ду х1ета. Зуда, схьадал цу чуьра г1анташ.

     Ребисай, Болатханий чуьра г1анташ а дахьаш, арайолу. Г1анташ охьа а х1иттадой, д1а ца йоьдуш, д1алечкъий,  божарийн къамелашка ладуг1уш совцу. Хьеший а Учурха а охьаховшу, вовшашка куьйгаш а лой.

     Сулба  Учурха, охшимма деанарг вон г1уллакх дац, сонта г1уллакх дац, захалона г1уллакх ду. Хьастаха Ребиса йолчу балха т1е ваханчахь хеънера сунна вайн кхиъна яьлла йо1 юй. Х1ара 1аш вверг вайн кхечу нанас вина ваша ву. Ц1е М1очу ю кхуьнан. Кхуьнан к1ентан ц1е Чхьочу ю. Ц1ера Инча-ч1алара бу х1орш. Ламанца ю и меттиг. Юьйцуш хезна хила а мега хьуна.

     Учурха.  Хезна дера. Тхан даьнсте яра цигара. Саьрмак бехкина ирзо олуш хиллка цу к1отарах мацах.

     М1очу  Тхо саьрмиках схьадевлла ала-м ца г1ерта хьо?

     Сулбас М1оче б1аьоцанаш йо, 1адда 1е, д1асацае хьайн бат, бохуш.

     Учурха   Шу хьенаха схьадевлла-м бала бацара сан, вуьшта, цу хьуьнан хьакхарчий ехкачу ч1ожа маре яайта йо1 совъяьлла вац со.

      Сулба  Собар де! Ва собар! Хьоьга хьан боху иза Инча Ч1ала саьрмак бехканчу яхайта?  Кхеран дай цигара хилла. Х1орш шаьш-м х1инца кху Грознехь, Микрорайонехь 1аш бай!

     Учурха.  Бу деракха! Оцу Микрорайонах а йинакха кхара х1инца саьрмак бехкина Инча-Ч1ала!

     М1очу.  Сулба, ахь вайшиъ мича валайна? Х1ара нах заахало оьшуш буй?

     Сулба  Собар! Ва собар! Вай ма сиха ду! Оьшу дера-кх. Кхарна а оьшу, вайна а оьшу. Вайначал а сов кегийчарна а оьшу. Сих ма ло!

     Флорида  (Ша лечкъана 1ачуьра схьа) Ма сихло деракха! (Нанас, т1екхетий, цуьнан бат д1алоцу)

     М1очу.  И аш бийцина саьрмак тхан дендендас Сонта-Мирзас т1екхетта ворта а кагъйина бийний хеай шуна? Х1етахь дуьнна тхох саьрмак бийначун т1аьхье а, берзалой а, берзан к1езий а олай хеий шуна?

    Учурха  Берзалой-м ког баьккха-баьккханчахь гулъеллера х1инца. Ерриге а г1ала а д1аюьзна берзалойх. Уьш х1инццалц мичахь левчкъана 1аш хилла а хаац.

     М1очу (Мекхаш а хьийзош) Сулба, д1авахайтахьа вайшиъ, х1ара нах захало оьшуш бац.

     Болатхан (ша лечкъана 1ачуьра схьа) Бу! Муха бац!  Ч1ог1а заахало оьшуш бу х1ара нах! (Нанас юха а, т1екхетай, цуьнан бат д1алоцу).

     Сулба.  Цуле а вешан хин волу нуц вийца вай? Учурха, и к1ант жима волуш доьнна сан б1аьргашна хьалха кхиъна ву. Цуьнгара г1иллакх доккхур дац х1ара ах г1ала тасаяларх!

     Учурха  Г1иллакх дера доккхур дац х1инцалерачу кегийчу нахера цхьанггера а.

     Сулба (Цецволай) Х1унда-а-а?

     Учурха  Дера доккхур дац цаьргахь иза доцу дела.

     Сулба. Йитахьа, Учурха, и хьайн забарш. Иштта вон а ма бац вайн кегийнаш. Ца гина хьуна мел дукха бу уьш вай маьждигаш чохь?

     Учурха.  Цхьанхьа а бан белхаш а ца хилча, мокъалла балла 1аш хилча, маьждигаш чу уьш бахарх х1ун тамаша бу?  Дудаевс церах т1емалой бийр бу ша, боху. Х1ара вайн чуьра йо1 а ма ю царна т1аьхьа х1уттур йолуш.

     М1очу  Х1инца зама иштта ю: борз елахь – катоха! Газа елахь – сатоха. Суна-м борз хилар г1оле ма хетта, газа хуьлучал.

     Учурха  Накъост, хьо х1ун ала г1ерта? Со газа ю ала-м ца г1ерта хьо? (Ша хеъна 1ачуьра хьалаэккха)


     Сулба (Хьалаэккха) Собар! Ва собар! И х1у экханашший, бежнашший ю цара юьйцурш: берзалой, гезарий… Вай х1у дийца, х1у къасто хевшана?

     Ребиса (Сцени т1е йолу) Сулба, асчай даийта шуна? Жима х1ума кхаллийша. Мацделла хир ма душ у.

     Сулба  Х1ан-х1а, Ребиса, баркалла, захало хьахо даьхканчахь х1ума юуш ца хуьлу. Вуьшта, х1ара молханан б1елиг мала хи даайтахьа цу вайн йоь1е.

     М1очу  Ч1ог1а ларош ву и вайн къант. Цо сана ц1ент1е х1ума дахьаш стаг хир вац. Кху Грознехь мел йолу склад а, база а, товарни станце а цунна евза. Хийла Баку аМахачкала а боьдучу поездаш т1ера товар охьадаьккхина цо а, цуьнан накъосташа а.

     Сулба  И бакъ ду. Цул майра а, доьналла долуш а, катухуш а борз хир яц. Цхьа лом дукха, ламанан лом, борз аьлчи а.

     М1очу  Цуьнан ворх1е да а хилла иштта.

   
     Цхьа башха кечлой, сетташ Болатхан йолу сцени т1е стакан чохь хи а дахьаш. Хьеший цуьнга хаьвсанчахь буьссу. Болатхан кхи а г1адъйоьдай, сетташ хьийза, ша уьш цецбаьхнай хууш. Кеста д1а ца йоьду хьешашна хьалхара.

     М1очу. Хийла х1уманаш еа цу к1анта складашкара бертахь а, бертаза а. Цхьана буьйсанна, хехо д1а а вихкина, вагон шекар деара цара камазаш т1ехь. И шекар доллучу а тхан тайпано дийнна шарахь диира, х1инца а кхачоза ду.

     Сулба  Цундела хир ю вайн тайпана мел волчунна сахарни диабет?

     Учурха. Собар! Вагон шекар даьхьира боху ахь? Стохка гурахь мархин баттахь дарий иза?

     М1очу. Дера дара! Хьуна а кхечира цу шекаран дакъа?

     Учурха  Дера кхечира! Ч1ог1а кхечира кхача а! И цара коьртах х1ума а тоьхна, д1авихкина хехо со ма вара!!!

     Сулба  Хьо вара? Бакъ хир дац хьуна!

     Учурха  Хир дац шун да хьакхийца валларг! Яхайта кху сан уьйт1ара, жоьлгаш!  Схьая, зуда, сан топ! Мичхьа ю, зуда, сан шалго топ?!

     Уьуш вовшех хьерча. Г1овг1анаш йовлу. Уьйт1а эккха герзах воьттина Чхьочу.  Орцах хьаьддачу Болатханна  иза го.

     Болатхан  Накъост, хьо вуй тхан нуц хила г1ерташ вверг?

     Чхьочу  Ву аьлла вала-м вина кхара со.

     Болатхан   Х1ара тентигаш 1адда а йитай, вайшиъ д1аг1о ткъа?

     Чхьочу (Цакхеташ) Мича?

     Болатхан Ахь боххуче. Со еха даьхкина дац шу?

     Чхьочу   Дера ду.

     Болатхан Делахь, хьалалатае хьайн машен, х1окху 1овдалех тешна 1ахь со цкъан а мааре г1ур яц! (И шиъ додай, д1адоьду)





                Кирхьа.

    
    


6 сурт



Юьртара ков-керт.
Ребиса  уьйт1ахь боккха нуй хьоькхуш, г1аш д1адог1уш йоллу. Цуьнан майра Учурха  тхов т1ехь ж1ов етташ, цхаъ тоеш  ву. Уьйт1а йог1у кхеран лулахо Кесиба.

Кесиба: Йо1, хабар д1атюьхири хьоьх? Кхана шайга нуц вог1ий хеий хьуна, шун  Блатхан даьнц1а а ялош?

Ребиса  (Цецйолий, хьоькхучара нуй сацабой) нуц вог1у? Кханий? Дера ца аьлла тхоьга-м цхьаний дас а! Ой, охам цхьан а кечам а ма ца бина!

Кесиба: Ца бинехь а х1инца бан-м безар бу сихха.

Ребиса  Хьоьга хьан аьлла и кхана вог1у?

Кесиба: Кхуьнан йиша яханчуьн шичин марнана яхана хилла хьастах Хасавъюрта базара. Цунна цигахь вайн эвлара лакха юьккъерчу Асетаг1еран моллин й1е йолчу астаг1ачу къентан вешигара маре еанчу Луизин йиша гина хилла. Цу йишигахь хабар датнарг  наркотикаш юхкуш схьа а лаьцна чуйоьллинчу  Масанин йо1ан маьрйиша юкха цхьа церан чехк сагуш йолу кофта а, хедийна юбка а юьйхина сетташ лелаш ерг, цуьнан ц1е-м ца хеа сунна, хеъчи а ас дагахь а латтор яцара цуьнгахь сайн боцчу безамна. Дика а ду и лаьхьа сан керта бог1ур боцуш. Дош дацара и цуьнан хедийна юбка…

Ребиса: Ой, Кесиба, дитахьа совдерш! Ас бина цхьан а кечам ма бац.  Сан, ураттала, жижиг а ма дац эцна. Холодильникаш свет йоцуш лаьтташ ю х1ара 1едал т1едеъчахьанна. 

Кесиба: 1едална ма лел хьо. 1едало-м гуттара а дика кхобура цхьа хьо саннарш. Жижиг дацахь а котамаш яра хьа-м шортта уьйт1е мел ю лелаш. Уьш яйа ахь.

Ребиса  Цхьаъ ца дахь-м ца долу. Дела реза хуьлла хьуна, Кесиба, и хабар х1инца мукъа тхоьх схьатоьхна. Кху стаге д1аала ас.

Кесиба: Ала. Со чуйоьду х1ета. Хьаштхилахь со кича ю хьуна. Мохь ма тоьххи схьайодур ю хьуна.

Ребиса Дика ду. Чу г1о х1ета.

Маржан раг1у т1е шифер д1анисъеш воллучу майрачунна улло йоьду.

Ребиса  Х1ей, стаг, хезий хьуна?

Ахьмад: Ца хеза! Мохь тенна хьоькху ахь, хьокханна т1е яхча сана?

Ребиса  Вайн лулара Кесиба яра еана. Цо соьга кхана вайга нуц вог1у ма  боху соьга. Вайн йо1 йог1у боху даьнц1а.

Учурха (Оьг1аз воьдий, ж1ов онда етта волало. Хенахь жоп ца ло. Т1аьххьаре тухий шифер кегъйо)
Шен ворх1е а да хьакхийца воллийла цуьнан, ваг1ахь! Дош дацара цуьнга кху юьртара дакъа ца дахьийтича! Мичахь ю и вай шалго топ?!

Ребиса  Ой, д1авала, хьера-м ца ваьлла хьо? Нахана д1ахезар ма ду!

Учурха Ваьлла дера-кх! Хьуна х1инца бен ца хеа со хьерваьллий? Ваькхина-кх аш! Ахьий, хьан йо1ий! Саьрмкаш! Цкъа хьалха шу дара дайа дезаш. Мичахь ю сан топ?

Ребиса Ма е г1овг1а, х1ай стаг! Ма даха вай нахала!

Учурха Шен ворх1е дена наь1алт хила цу нахана а! Нах мича ю кху гонахьа, кху юьртахь а? Ах юрт – бандиташ, ах юрт – болтунаш! Муьлху а схьалаца – я бандит, я болтун! Схьая сан шалго топ!

Ребиса  Х1ей стаг, вайн йо1 нехан юьрта маре яхана ю. Вайга кхана бог1уш ч1ог1а бехке нах бу. Цу тховт1ера чу а воссий, устаг1а бей а, кхидерг дей а, жима накъосталла дехьа, со цхьаъ ларор ма яц! Цу т1е соьгахь цхьа сом ахча а ме дац…Юург ян ма деза вайн.

Учурха: Хьан яхийтина и вайн йо1 оцу бандите маре? Ас яхийтина? Сан бертаза ца яхан иза? Ас г1о аьллера цуьнга? Схьая сан шаого топ!!!

Ребиса: Ва-а дела, дас г1о олий ма ца йоьду йо1 маре. Цхьанга ца яхчи йолари иза? Гуттара ц1аь 1ийна ер ярий иза? Дера, ца яхийтинехь, цо вай кху кертара  ара-м дохар ма дара. Шена дуьхьалваьлларг цо вуьйр ма вара!

Учурха: Ер яра цу бандите ца йоьдуш-м! ц1а яг1ахь, ц1ахь сацор ю ахь иза!

Ребиса  Ц1ахь сацийна ахь х1у до цуьнах? Йитахь а д1аханчахь! Рицкъа хиллехь, ехар яй иза-м цигахь. И хьанга сецало кху кертахь? Халча ма х1иттайнера цо вай.

Учурха   Юьтур яц  цу бандитехь-м!  Шеен студа д1а а вихкина вагон шекар лачкъийнарг нуц ву бохуш муха делаво? 

Ребиса  Наха кхи а доьхнарш леладо.  Цуле наха санна т1еэцахьа нуц, хилларг хилла ма даьлла. 

Учурха  Оьцур вац! Оьцур вац бохий ас хоьга! Кху тховт1ера чу а вуссур вац! Схьян сан топ! Схьая сан шалго топ!

Ребиса  Кхо шо ду-кха, стаг, ахь и шалго топ лоьху! Яц, яц, йитахьа иза, г1оза ма хиларг, яйина ахь цхьанхьа. Чу воссахьа. Ма х1иттадехьа вай юьхь1аьржа.

Йодий, Кесиба эккха керта.

Кесиба: Йо1, ва йо1, уьш-м кхана бог1уш ца хилла.

Ребиса: Бокъалла а бохий ахь? Ма дика ду иза! Т1аккха-м лалор яра со! Ма кхаъ баьккхи ахь соьга!

Кесиба: Кхана ца богу, тахана бог1у.

Ребса (кхоччуш цецйолий) Тахана-а-а?!! (Карара нуй охьабужу К1етахь етташ сигнал хеза. Маржан латтачахь лаьтта, Кесиба кет1а йолу. Юха сиха чуэккха).

Кесиба: Уьш-м схьакхечи!

       Ребиса : Схьакхечи?!!!
(Ша лаьттачахь куча юх хьала а лоций, куьйгаш ц1анда х1утту).

Кесиба: Д1аяла. Д1ахеца коч, ахь х1ун до? Йохий ма хьовза! Чу а бигий, охьаховшийта. Юучунна цхьа г1айг1а бийр бу вай! Котамаш схьа лоьцур ю вай!

Кетахь сигнал йоьтту. Чоьхьайолу йо1, цунна т1ехь т1емалойн комуфляжний духар ду. Кочахь автомат, гранатомет  ю.

Болатхан Х1ей-е-й, нах! Адам а вуй кху кертахь? Мичахь ду и сан да-нана боху ши т1уьйлиг? Нуц кхачний ца хеа шуна? (Йо1ан карахь буш 1аж бу. Тийнала) Ванах, х1орш дуьхьалбовла дагахь а ма бац! Дийна юй шу, х1ай крахобораш?
(Кочара схьайокхий, автомат кхуссу. Дуьхьалйолду кхералой нана).

Ребиса: (Хьасталой) дера ду тхом ц1ахь. Йо1, хьо ц1а еа? Ма дика ду иза.

Болатхан, (1аж бууш) Еа дера-кх. Хьуна ца го? Стенгахь ю и сан да боху х1уттут? Шуьшиъ тхуна дуьхал х1унда ца довлу? Нуц кхаьчний ца хеа шуьшинна? Вайн нуц ледара хета шуьшинна?

Ребиса: Йо1, тхуна шу дог1ий тахана бен ма ца хиира! Х1инца хаза а хезна, шуна дуьхьал хьадда йогуш ю-кх со, карара нуй охьа а тесна.

Болатхан  Яло ткъа, невце чу вола ала. Иза-м нахана вевзаш, шеен г1уллакх д1алелош стаг ай!  Хьан майра сана бежан дац!

Ребиса Ма ала иштта. Иза-м хьан да вай. Х1ара, Болатхан… муха эр дара иза…доцца аьлча, со мегарг кечам бан ца ларийна. Цара цхьажимма собар дича вайшимо сихха котмаш а лаьцна, царна арсаш а хьекхийтана, юург йир ма яра!

Болатхан Мама, доцца аьлча, шуьшиъ я йо1, я нуц а оьшуш дацкха! Шуна х1инца наха лелорг ца хеа. Шу нахаца лелла дан а дуй?

Ребиса  Ма алахьа ишта, хазниг. Оьшу деркха. Уьш а ца дуьйцуш, сунна г1одехьа.

Болатхан (Тховт1е хьала хьоьжу) И д1огехь хенакъур сана ж1ов етташ воллург вайн дада вуй?

Ребиса  Ву деракха, шифер д1анисъя г1ерташ воллуш.

Болатхан (Хьала мохь туху) Дада, хьо х1ун деш волу цу буьххье а ваьлла?! Вайга нуц веаний ца хеа хьуна?

Учурха: Шипар д1анисъеш волу! Хьуна ца го со?

Болатхан Эрна ду хьуна, Дада! Кеста бомбанаш ю т1еетар йолуш. (Лаьттара схьа а оьций, 1аж баа йолало).

Учурха (Цецволай): Х1унда-а-а?

Болатхан Вай г1азот ду керстанашний, жуьгташний дуьхьала дехка дезаш.  Вайн президента Дудаевс дуьйцучуьнга ла ца доьг1на аш?


  Зударша зуькар деш мукъам хеза:

                Жов-хар Дудаев,
                Лаилах1а илала
                Жов-хар Дудаев
                Лаилах1а илала…

 Учурха: Вай, шен да ват1а цуьнан, вай бен кхи бусалбанаш бацтехьа кху дуьненчохь церах лата? 

Болатхан (1аж бууш) Мацах устазаша дийцина ду боху иштта хир ду, аьлла. Цулт1аьхьа вай ингалсан паччалкхан карадаха дезаш ду! Цул тхов т1ера чу а воссий, хьайн невце хаттал ахь. Цо дуккха х1уманаш дуьйцур ду хьуна. Иза а ву шеца цхьацца шайхаллин дакъа долуш.

Т1ейог1у Ребиса.

Ребиса Йо1, котамаш лацалой хьажа вайшиъ ваьшинга? Энаш долуш царна т1аьхьа ида ца локха со. Х1ей стаг, ахьа а г1одехьа. Котамаш схьалаца вай?

Учурха Со товр вац котамаш т1аьхьа уьдуш! Схьаял сан топ! Мичахь ю сан топ? Ас топ еташ йойур ю уьш!

Ребиса (Куьг ластадо) Цуьнаг-м дийцичи а эрна дара. И цу тховт1ера вуссур вац-кх хьуна и 1анан чилла т1еяллалц.

Болатхан  (Бе1на 1аж юьстаг1а кхуссуш) Уьш леца наха-м вайн бу хьуна. Нуц велара х1унда олу, котам а ца лацаелча?!!! Х1ей, нуц, схьавоьлла х1оккхузе, котамаш лацалур ярий вайга?

Уюйт1а волу герзах воьттина Чхьочу. Цуьнан кочахь автомат, тапчанаш, пулемет, гранатомет ю. Хьант1ахь гранаташ кхозу.

Чхьочу  Оссолом 1алейкум, кху кертахь боьрша стаг велахь! Мичхьа ю и котамаш? Схьагайтал!

Кертахь сийна т1ом х1утту. Кхераелл, д1ауьдучу котамийн г!овг!анаш хеза. Массо х1ума йохош, отуш, ц1елетта йогуш ю. Лелхаш, сийна ц1е хьерча маь1-маь1не.
Маржан ша хилчахь лаьтта, к1урзаша а юьзна.
Ахьмад тхов эккхийтина, цхьана нехаш юьккехь 1уьллу, шифер юьккъехь арабаьлла бу цюьнан корта.

Учурха: Топ! Топ! Схьая, сан топ! Топ схьаъя!

Флорида кертахула д1ауьду. Цо мохь бета:

Болатхан Д1огехь ю шуна! Аннаш юьккъе яхана шуна. Шиъ бунчохь ю шуна! Ма  ялийталаш!

Тийналла х1утту. Ша массо а х1ума кертахь дохийна, дагийна д1адаьлла.
 

БОДА


Шозлаг1а де.

Яьгначу, йохийначу кертахь хиъна 1аш ду ул-улохь Учурхай, Ребисий.. Керта йог1у Кесиба:

Кесиба: Ванах, и х1у т1ом бара селхана кху кертахь берг? Кху юьртара нах-м сийсара бийшана а ма бац, т1омбаьлла бохуш. Подвалаш чохь буьйсанаш яьхнакха массара. Со а 1ий мила ялла картолийн ор чохь.

Учурха  (Меллаша, вега а веш) Х1ан-х1а. Т1ом бацара. Нуц веанера.

Кесиба: Ой, т1ом муха бацара? Кху шу кертара дерриге х1ума чим хилла д1а ма даьлла!

Ребиса: (меллаша) Котамаш морцуш дара тхо.

Кесиба: Ой, со яла елла, котамаш муха морцу дерриге а ков-керт а дагош?

Ребиса  ч1ог1а веза, воккха нуц вараиза.

Учурха: (шен зудче) Зуда, оцуьнга дукхамеле алахьа, кула йо-кх цо сунна.

Кесиба: (оьг1аз йоьдий, кел ара эккха) И шун нуц юха ваг1ахь-м х1ара ерриге а юрт ягор хир ю аш!

Учурха: (меллаша, т1аккха мохь бетта) Топ…Топ… схьая сан шалго топ. Схьая сан топ!!!





                КИРХЬА.

















7 CУРТ



Борз-1елас седа-жейна хьажар карадерзийна. Цунна т1ехь еха баьццара халат ю. Лекхачу куйна т1елатийна беттаса ду. Иза хиъна 1а йокха, стомма книга хьалха юьллий. Не1 а тухай, чоьхьаволу герзаха воьттина Чхьочу.



Чхьочу (Велалой, г1адвоьду) Ваша, х1ара х1уду хьуна т1ехь дерг? Хьоьх седа жайна хьожуш шайх хилла ца боху? (Улло охьахуу)

Сулба   Вела ма вела, к1ант!  Со больницехь 1уьллашехьа аш ша дерриге а белхаш д1алецна хилча ас х1у дан деза? Сан мичара ду эзарнаш долларш ахь дуьйцу белхаш эца? 


Чхьочу  Ваша, хьуна 1аьрбийн маттахь деша мукъа хеай?

Сулба  Мила ву кку Ичкерехь и деша хууш, деша хаахь а цу яздинчух кхеташ?  Кхеташ велахь а, цо бохург деш? Суна т1ера д1а ма волалохьа дин ц1анда.

Чхьочу  Оьг1аз ма г1охьа, Ваша, сунна-м хаза хетта хьуна бан болх карайна.

Сулба  Ас дууш пачхьалкхан а, нехан а ахча а дац, со бахьанехь т1ом а бер бац. Цундела сунна сайн болх президентанчал а г1олехь хетта. Бакъдерг дийцича, алссам яхьаш бог1урш-м к1езигог-о-о бу.

Чхьочу.  Дахьаш бог1урш-м гуттара а хуьлу к1езиг.  Х1ара, Ваша, х1ара ахча даайтинера-кх цхьана вайна бехке хуьлуш болчу наха.

Сулба  Ахча? (Шиб1аьрг серлаболу) Х1у ахча ду иза?

Чхьочу  Х1ара хьуна даайтина ду-кх. Х1ара даайтинчара хьоьга нахе цхьа хаамаш бахьара боху-кха.

Сулба  Х1ун хаамаш?

Чхьочу   Вайна мохкбегор болуш бу, вайн г1ала лаьтта буха г1ур йолуш ю, бахахьа. Х1ара г1ала хиллачахь инзаре боккха 1ам хир бу бахахьа.

Сулба  Ой! И баха-м хала ма дац! Ас и баьхча цу нахана х1у пайда хуьлу?

Чхьочу   Пайда боккханиг хуьлу. Г1алара квартираш яйло. Уьш яйелча вай схьаоьчур ю. Т1аккха, цхьа шо даьлча, ахь нахе Дала хьайн до1анашна жоп дела, х1инца Г1ала цкъан а юхур яц олу. Т1аккха квартираш язло. Вай уьш еза д1аюхку. Вайна шайкай а хуьлу, хьан шайхалла а, авторитет а айло!


Сулба  Осто-о-опирла!  Нахана дага а ца дог1уш х1умма а дан а дацкха ахча даккха!

Чхьочу  Социализм кончился, Ваша, шайт1анизм д1ах1оьттина!

Сулба  Ваннах, х1ара сан болх а башха вон болх а ма ца хилла.

Чхьочу  Ахь х1у дуьйцу, Ваша! Кху хьан балхал дика а болуш болх бан а ма бац, ша ГАИ-н хьаькамниг бацахь. Царна сана шерачу ц1енкъахь шура йог1уш болх ма бу хьан болх! Д1а ма хецалахь х1ара хьуо вала а волуш!

Сулба  Э, Дела реза хилла  хьуна, Чхьочу, сунна угаре а оьшучу хенахь гучаволий хьо- м.

Чхьочу.  Делахь, со д1авоьду. Цу учохь дина очередь ю хьуна т1екхача г1ертачеран. 1адика йойла! (Д1авоьду)

Сулба Чу вола алахьа шайхана т1екхача лууче.


      Чоьхьайолу башха кечъелла Кесиба


Кесиба: ( Сеттана, къежна) Дедика хуьлда хьан, шайх, чу ян мегар дуй?

Сулба: Чуян муха ца мега, сан йиша, хьо йог1ур ю аьлла х1окхузе т1е д1а яздина хилча!

Кесиба  Ахь боккъала а боху? Со нийса кхаьчна-кх т1акха хьо волча?

Сулба: Хьан кхечанхьа яха пурба а м дацара, сан йиша, х1оккхузе схьа ца еъча! Дийцал, дикани, х1у бала бу цу хьан хазачу коьрта чохь? Мича г1айг1анаша ялийна хьо шайханаша т1е?

Кесиба: Тешнабехкаш бу-кха, шайх, ког мел баькханчехь. Тешам бан а бац-кха адамех. Ша и Дела орцах ца валахь, телхина, х1аллакхилла д1адаьлла-кха вайн дерриге а  къам! Х1ора дош мел эли Делан ц1е ю йохуш, х1ора ши дош мел эли аьшпаш бу буьттуш.

Сулба: Хьо бакълоь,  сан йиша.  Амма кестта ша дерриге а хийцалур ду. Делан дош ду, дохоза ч1аг1делла х1ума а дуьтур дац ша, ч1аг1даза доьхна х1ума а дуьтур дац ша, аьлла. Цул сов, къематан де ду, сан йиша, вайна т1е г1ерташ. Кестта мохк бу бегор болуш Вайн г1ала лаьтта буха г1ур йолуш ю. Х1ара 1ийначахь цхьа боккха 1ам бу х1уттур болуш.

Кесиба: Боккъала а бохий ахь? Сан пятьсот долларов схьахилале бегор бу техь иза?

Сулба: И пятсот а, кхи пятсот а, эзар доллар схьадоьрзур ду-кха хьуна иза бегабале.

Кесиба: Ва, устаз,  ишта, нийсса ах т1е а луш схъалур ду, аълла даъхъна а ма дара цо иза, цIела керчаро! Делхъа ала, иза а ду цига дlаяздина?

Сулба  Хьо шек-м яц?

Кесиба: Дера яц! Шек-м дера яц! Вуьшта, хийца мегар дарийтехъ, шайх, и хиндерг?
Сулба: XIy хийца йолура хъо, сан йиша?

Кесиба: Вайн Делор, шайх, и эзар доллар цо схъаделчи а дог Iебар ма дацара сан цу саърмаках! И эзар доллар цунна а дуьссуш, оцу ахчанцанне сийначу цlapax иза йогуш, я и мохк бегийча угаре а йоккха экъа цунна т1е южуш дlанислур дацаратехъ иза?

Сулба: Дала xlоттийна кхел хийца йиш ма яц сан, xlай зуда?!

Кесиба:  Ас бохург-м,  цо сан этIийначу дагна дуьхъал, жимма бекхам бан лууш дара. Йиш хир яцаратехъ?  Цу гlуллакхна дайа арадаъккхина xlapa цхъа кхи пятсот долларов а ма дара соьгахъ, шайх...

Сулба  Ост-о-о-о-nиpлaxl! Сан йиша, наха доьхучунна жоп ца делчи а ца бовлу шайхаш. (Хьалагlотuй, чу.хула дlасаволало) Taхана-кxaнa x1уммa а дойла яц. Амма в течении года цхъа боккха cингатraм хъарчор бу-кха вайшиммо цу хьан довхочунах!

Кесиба: Ахъ боккъала а бохай?

Сулба: Фирма морза  духкуш ма яц!

Кесиба : Вай Дела реза хилла хьуна! Ма боккха къаъ би ахь сан г1ийлачу
дагна! Дели а, пайхмар а, устаз а реза хилла хьуна!

             (Дlаяха юлу)

Сулба: (Дуьхьал xlyттy) Ахъ xly до, хъо дlаяха-м ца йоллу?

Кесиба: Х1аъа.  lийна xlудо ас, д1аяхана а дан х1ума а ца хилча. Соьца кхи г1уллакх-м дацара хьан, шайх?

      Сулба:  Дlадолийнарг чекх xIyндa ца доккху  вайшимо, хьо д1аяхале?

       Кесиба: (Ца кхета моттуьтуш) XIy ду вейшинан чакхдаккха дезаш?
 
Сулба: Суна-м хаац, сан йиша, цхьа xIyмa ду-кха xlинца наха юкъадаькхина – «предоплата» - бохуш.

Кесиба: А, ахча бохий ахь? Цхьа х1умма дехьа, шайх. Цо сxьалуш долу и эзар долларов хъaйна дитахъа. Со къинтера яълла хьуна.
 
 Сулба  Вуй! Ахъ xIy дуьйцу, зуда, суна xIy хеа иза мила ю, иза маца йог1ур ю ахча а дахьаш?

Кесиба: Ой, ахъ цу седа-жайни тlexъ дерриге а яздина ду ца боху?
 
Сулба: Ахъ xIy дуьйцу, xIай зуда? Кху тlехъ-м цуънан адрес даций!
Седа-жейнаш тle берриге а вайн къуй, церан адресaш дlаяздича xlapa мел стомма хир дара хеий хъуна? Кхул йоккха х1ума хир а яцара кху вайн Ичкерехь!

Кесиба: Со-м хьуна дерриге а сайнчул дика хеа, аьлла, ма еанера.

 Сулба: Короче, зуда, сом-ком охьа а йилий, заказ е айхьа яхь. Ас квитанци а яздо хьуна. Ца яхъ - досудани, со оъгlаз а ца воxийтуш. Со оьгlаз водахъ хьуна тlехахкабала кечбина жинийн бода хьaйна гахьара!
(Куьйгаш лестош, жuнаш дlакъехко волало) Совца! Мегар дац! Мегар дац бохий ас, вaйн йиша ма ю иза, лартlехъ яцахь а !

Кесиба: (Кхералой, куьйгаш лесто йолало) Ва-ай Дела, соьга баха-м бехира наха хъо сутар стаг ву. Суна-м хьо волчу еанарг зуда а хилча, вaйшинан цхьа барт хир бу моьттура.. .

 Сулба:  Ахча вперед - барт хиллий а бу хьуна. Со хьо йоцург зударий боцуш ву-м ца моьтту хьуна? Социализм чекхъяьллий ца хеа хьуна? Кху жинашна а хуург хьуна xIунда  ца хеа? Сан мел йоккха жинийн тоба ю хеий хьуна кхаба езаш? Уьш мацделча мел дера хуьла хеий хьуна? Делор ю хьо цара айина, боpам тlexь санн:а, ядайина цхьанхьа кешний керта охьакхуссур. Совца! Совца ца боху ас. Iaдцa йита, кхетта яллалц!
(Тlамарш лестайо жuнашка).

Кесиба: (Оьг1аз йоьдий,хаьнт1а куйгаш а х1иттадой) И хьан жинаш а хир дукха цхьа хьо сана боьрша йоцу х1уманаш! Схьахеца! Со царех кхоьру моьтту хьуна? Соьх жоп деха нах бац моьтту хьуна? Сан хьаха ду берзалой сана вешин бераш, президентан охранехь а долуш. Схьадахкийта хьайн жинаш! Схьахеца! ( Сулбайна т1е йоду. Сулба цунна хьалхара д1ауьду, стоьлана гонаш а туьйсуш)

Сулба  Д1аяла, х1ай 1овдал! Соьх лата-м ца йоллу хьо? Со вен-м ца г1ерта хьо? Со вийчи сан наха хьайна вуьтур ву моьтту хьуна?

Кесиба  Асам-м цу зудчуьнгара а, хьоьгара а, шинггера а доккхур ду ахча! Со ахча оьшуш еанера моьтту хьуна?

Сулба  Т1аккха х1унда еанера хьо ян мукъа?

Кесиба  Со дера еанера хьо боьрша ву моьттуш! Кхи-м йог1у яц хьуна со кху чу! Да1е, хьайн жинаш а хьоьстуш! (Не1 а тухай, д1айоьду)

Сулба    Остоо-опирла!  Г1aд а амал а дайина-кха сан кху Iaxap биссанчу зударша!  Кхарна-м дера моьтrу со зударий къийбелла лела! Со воцург ма бара кхи а товш а, безаммехь а божарий. Кхарна со бен кхи гуш стаг вацкха кху Ичкерехь. Ахча дахьаш-м ца йогIу наггахь а.  Сулба  нахаляву  1уьлуш хьанха вац массарна а!
 
 НеI туху. Сулба  шен метта oxьахуу, жайне бlаьрг а бетташ.

 Сулба: Чу ван мегар ду шейх волчу веанарг.

Чуйолу безамехь, къона зуда.

 Сулба: Схьайоьлла, сан йиша, охьахаал. XIy бала бу, сан йиша,  хьан жимачу коьртехь?

Безамехь зуда Бала а, гleйг1а а, сингаттамаш а дера оьшур бац вай дийна мел лела... 

Сулба  Кхета, кхета, гуш ду ша-дерриге а. Кеста бегор болуш бу вайн Даймохк. Вайн г1ала лаьттанчах цхьа боккха 1ам бу д1ах1уттур болуш. Делахь а, айхьа дийцал  х1инца хьайн г1айг1а ерг.

Безамехь зуда: Шайх, сyна-м хаац муха дийца деза а. Оцу беа пенна юьккхехь 1aш ю со. Х1ара майра ю боху х1ума цхьа моьлкъа т1аьхьа а баьккхана, лелаш ю, бизнес йо ша, бохуш. Т1ап аьлла вайна ах шо а ду, мичхьа лела а ца хеа. Мел хала ду хеай хьуна цхьана йиссанчу зудчунна?

Сулба:  Да-а-а-а. Кхета со. Хьинца ша дерриге а ма-дарра схьгойтур ду кху седа-жайно!
(Сулба лерана седа-жейна mle хьежа волало, ша-шега цхьа хабарш а дуьйцуш).

 Сулба: Ас кхаъ боккху хьоьга, ва зуда!

        Безамехь 3уда: (Хазахеташ) Бокъхалий? Х1у кхаъ?

       Сулба: Дийна ву хьан майра.

Безамехь зуда: (Реза йоцуш) И дийна ца хиларх-м дера Iалора со, цу лаьхьанца иза ца хилчахьанна! Хъажахьа, и саьрмак буй цунна уллохь?

Сулба  Саьрмак бац! Зоопаркехь ма вац иза. Хазалла йоха йоллуш цхьа жима  йо1-м го суна цунна уллохь лекха а йолуш, ша синтар сана.

Безамехь зуда: (Хьалаэккха) Вай-й-й, Дела, и ма дара со кхоьруш дерг!
Схьадал и жайна, ас цхьацца левчиг йина, этlийна дlадоккху иза а, цу юккъехь болу и лаьхьа а!

Зуда  Сулбайна  т1екхета. 

Сулба: ДIаяла, зуда, хьер ма яла, жайно бакъдерг дийцарх, жайнин бехк ма бац! Жайни х1у бекх бу, хьан майра барше веъча?

Безамехь зуда: (Охьахоuй, елха йолало) Вай-й-й Дела, ма хала лелийра ас иза, ма хала лелийра. Iалaшвеш, кхобyш, цlанвеш, хьоьстyш, тIe IaтIap детташ, мел лерана лелийра ас иза, бер санна!

Сулба Ахь иштта коча ца лелинехь дlaвyьгyp ма вацара иза. Мотт ара а баъккxина, со санна къахьоьгуш леллехьара, цо жиманиг, хазаниг а ца лоьхуш, цхъа хьо санна диканиг, эсалниг лохур ма яра! Суна xIyндa ца еллате Дала цхъа хьо саннарг?
 
Безамехь зуда: (Цlеххьанна метта йогlу,  Борз-1елига эссала, безамца хьоьжу) Хъан... хьо... хьо xIусамнана йоцyш ву?

 Сулба  Дера ву, цу йолча дуьхьа-м.

Безамехь  зуда: TIaккxa... иштта... цхьа со саннарг езара хьайна боху ахь?

       Сулба:  Боху! Дера боху!

Безамехь  зуда: (эсала)  Т1аккха … т1аккха… со мегар ярий хьуна?

Сулба: Ой, ахь  х1у дуьйцу, зуда, хьуо марехь ю ца боху ахь?

Безамехь зуда: Марехь муха хуьлу уллохь майра ца хилча? Суна-м нагахь ши кlиpа а долу, майра улло ца вогIуш...

Шен гIaнт Борз-1елина улло хиладо.
 
Сулба: Зуда, зуда, собар дел! Собар дел! Ас жеайна докху xьyна xIинца! Собар дел!

Безамехь зуда: XIy жайна?
 
Сулба  Хьан майра юхаверзош!
 
 Безамехь зуда: Кхи дан х1yммa а дац хьан суна?
 
Сулба:  ШозлагIниr дакха а йиш ю сан-м!

Безамехь зуда:  Цулле а ас сийсара сайна гина г1ан дийца хьуна?

Сулба:  Дийцахьа, ма дарра!  Д1ахьахьажча, со гина хиле мегара хьуна гleнax!

Безамехь зуда: XIaн-xIа. Хьо вацара иза. Хьо хиллехь-м со кхера а елла сихха самэкхар яра...

Сулба Дийцал ткъа, дийцал! Ша ма дарра дийцал!

Безамехь зуда: Со яра стигалхула тlемаяьлла йоьдaш.
(Г1ант тlepa хьала а гlоттuй, шu куьг а айдой, чу.хула дlайолало. Сулба цунна улло ваьлла лела) Иштта лекха, цIеношна, урамашна, дитташна тlехула дIайоьдура со).

Сулба: Tlaккxa, тlaккxa?

Безамехь зуда: Иштта дIайоьдуш, йоьдуш, йоьдуш, йоьдуш цхьана доккхийчy, лекхачу цIенойн тхов улло кхечира со. Цу цIенош чуьра ара а ваьлла, цхьана стага ластийна, стигала хьала муш а кхоьссина, со схьалецира.


Сулба Т1аккха, т1аккха… кхи д1а х1у хилира?

Безамехь зуда: Т1аккха со цу стага айина, цIено чу яьхьира.

Сулба  Ахъ боккхала а бохий? Tlaккxa, тlaккxa....
 
Безамехь зуда: Со цуьнан карара а яьлла, едира. Иза суна тlаьхьахьаьдира.  Со уьдура, иза тlaъxьayьдypa.

Сулба Tlaккxa, тlaккxa, тlaккxa?

Безамехь зуда: Со цу чуьра ара а иккхина, уьйтlахула дIаедира, иза суна тlaъxьa ведира. Со уьдура, иза тlaъxьa уъдура.
 
 Сулба  Tlaккxa xIy хилира? Tlaккxa хилларг дийцахьа!

Безамехь зуда: Tlaккxa со едда цхъана йоккхачу, lаьржачу хьуьна юьккъе яхара.Иза суна тlaъxъa веара. Со кIадъелира. Tlaккxa иза суна тlеккxийтира, мaцIелла борз санна! 

Сулба: Во-во, иштта дийцал ахь. Т1аккха, кхида х1ун хилира?

Безамехь зуда: Tleкxeттa, сан карара тlоьрмиг схьа а баъккхина, иза дlаведира. 

Сулба: (Реза воцуш) Хьо суна и боьрша йоцу xlумa йица еана?

Безамехь зуда: Ца еана. Цул Tlaъxъa самах хилларг дийца еана.

  Сулба: Т1аккха?  Самах xIун хилира?

Безамехь зуда: Самах лачкъийнакха сан тIоърмиг, чохь буьззина долларш а, дешин а, бриллиантин а xIуманаш а йолуш. Цхьана йоккхачу стага морзи чу пхьид таса, схьакарор бу, аьллера. Ас боккха яй буьззина морза а доьттина, цу чу кхо пхьид теснера. Кlира далале и кхо пхьид елла. XIинца цу зудчо берзан пха лаха аьллера соьга. И дара со хьо волча яран коьрта бахьана. Хьан буй, шайх, берзан пха?

Сулба (Цецволuй, вухuй дlасахьаьвза) И xIy ду, зуда, аxь дуьйцург? Сан xIyндa бац берзан пха? Со борз ца хетар ду хьан иза?

Безамехь зуда: Белахь, гайтахьа. Иза багийча, цIe а тесна, схьакарор бу бохура-кх цо сан тlоьрмиг.

Сулба  (Кхералой) Муха? Багийча? Цlе а тесний? Хьо хьера яьлла, зуда? Хьо сан мацах хиллачу зудчо-м ца яайтина? ЦIe тосу? Со къанвелла, суна и берзан пха кхи эша а ца оьшу ала-м ца  г1ерта хъо? Aсам керла зуда ялийна шо а ма дац!

Безамехь зуда: (Цецъйолuй) Ахь муьлха пха буьйцу, хlай стаг?

Сулба Ахь муьлху пха буьйцу? Шарбалах тосу ризинка-м юьйцу хир ма яц ахь!

Безамехь зуда: (Кхералой) Ой, дlавала! Хьо хьерваьлла стаг ву! Елла йолийла со кху чу йогlачул! (Йодuй, араэкха)

Сулба О-сто-о-опирлaxI! Ма тамaшина нах бу xIapa зударий! Цхьан а  x1yмa нийса дацкха кхаьрца дерг! Цхъаний седа-жейна хуур дац-кха  шун дагахь дерг, йилбазаш! Шух ларве Дала! Х1ан-х1а, х1ара сан болх бац. Шариатски суюдаш ю боху кестта кхуллур йолуш. Цига ваха хьажа веза. Ребисига ала деза, хьайн гергара нах меттаха а бахе, со  цига д1анисве. 


                Кирхьа





8 СУРТ


Сулба – шариатски суьдан председатель ву.  Цуннана т1ехь баьццара халат ю, оьллана  еха маж  ю.

Сулба: Шариатски суд продолжает шен болх. Чуялаел куьг бехкенагге, тешший.

Чоьхьабовлу милиционере, наручникашца д1айихкина безамехь зудий, ши-кхо тешший.

Милиционер: Д1аяло, саттий яла! (т1ечевха иза жимачу зудчуна. Наха г1овг1анаш йо)

Сулба  Совцал! Ма ел г1овг1анаш! Дийцал, х1у дина кху зудчо?

Милиционер: О, силахь суд, кху зудчо инзаре доккха къалатийна! Кхо къаьркъа дихкина-кх нахана базарахь! 

Сулба  И инзаре доккха г1алат ду! Дийцал, зуда, вайн бусулбан пачхьалкхехь къаьркъа дихка ца мегий ца хеара хьуна?

Зуда: Дихка х1унда ца мега иза, мала а мегча?

Сулба: Мала а ца мега! Хьан боху хьоьга и мала мега?

Зуда: Х1окху лаьттачу милиционер ву бохучо мелир-кх, соьгара д1а а даькхина!

Милиционер: Осто-о-о-пирлахь! Харц стена лоь хьо, зуда, гуш лаьтташехьа? Ас т1улгаха тоьхна доха ца дира и шиша?

Зуда: Шиша-м дохийра, хьуо цу чуьра къаркъа мела ваьлча.

Милиционер: Осто-о-о-пирлахь, ма харц лоь хьо!

Сулба Тешаш, аш х1ун олу? Шуна гирий цу милиционеро къаьркъа молуш?

Лоха теш: Ца гира, суьдхо!

Лекха теш: Бакъ дац и, суьдхо, милиционеро дохийра и шиша.

Зуда: Шу лоь харц, борша йоцу х1умнаш! Оцу кхаамо цхьане ма мелира и къаьркъа стакнаш чу а доьттина. Милиционеро чу доьттира, оцу лекхачо «ну, поехали» элира, лохачо «к1енташт1ера» элира. Х1ара сан ши баьрг схьа болийла, кху сан б1аргашна и ца гинехь!

Милиционер: Харцлуьйш ю и зуда, суьдхо, цунна эхь ца хета х1уъа дийца а!

Сулба: Схьавоьлла кхоь а сунна улло! (милиционере, ши теше улло воьду) Схьатохал хьожа! (цара хьожа туху) Сунна-м ца йоьг1у къаркъанан хьожа.  Харц люйш юйте хьо, зуда?

Зуда: Х1ара ас лебеш болу мот охьабужийла сан, со харцлехь. Делор мелира цара и къаьркъа! Суна ахча ца дала ядийна, со кхуза схьаялийкха х1инца! Цул сов оцу милиционеро соьх куьйгаш а диттира! Со х1окхузера схьалийцира цо!

Сулба Мичара лецира?

Зуда: Х1окхузера лецира! (Шен накха гойту). Ма-дарра аьлча, х1ара суна там бала безаш ву х1инца!

Милиционер: Осто-о-о-пиралахь, ма харцтайпа зуда ю хьо, ма харцлоь хьо! Ас дуй буукха, суьдхо, сан п1елг цу зудчун дег1ах ца хьакхабелла, аьлла!

Зуда: Харц хьо лоь, со ца лоь! Суьдахо, цо-м суна етта а йиттира, дег1а т1е синякаш х1иттош.

Сулба  Синякаш? Мичахь ю синякаш?

Зуда: Х1оккхазехь юкха, куча чухула. Ас вайшиъ ваьшиъ долчахь гойтур ю хьуна…

Милиционер: Суьдхо, и зуда хьан корта хьовзо г1ерташ ю. Цхьа а синяк яц цуьнан дег1а т1ехь.  Хьо голаваккха г1ерта и зуда, суьдхо! Бехк бу цуьнан. Та1зар дог1у цунна.

Сулба: Суна а хетта цу зудчун бехк бу, аьлла. Цунна та1зар дог1у. Шовзткъа г1аж тоха еза цунна. Амма иза зуда хиларна, г1ожмаш цунна тоха ца йог1у, г1ожмаш цуьнан майрачунна, дена, вешина, я тайпанан уллорчу стагана йог1у. Мила ву хьан да, зуда?

Зуда: Сан да вела ткъа шо хьалха.

Сулба  Мила ву хьан ваша, зуда?

Зуда: Сан ваша ван а вац, хилла а вац. Да а, ваша а велахьара, со базаршкхула йолаелла а лелар яцара, я х1ара милцой сунна т1екхийда а баьхьар бацара. Со цхьа г1ийла бобер дуй хууш, хьийзайо-кха со кху милцоша. У-у-у…(елха йолало).

Сулба  Ма елхал! Д1асацаел и хьайн зурма! Мича тайпана ю хьо?

Зуда: Хушпийн тайпана ю.

Сулба Нах, хушпийн тейпанан стаг вуй кху чохь?

Милиционер: Со ву-кха хушпийн тайпанах.

Сулба Схьалацал иза. Д1авехка г1онтах. Т1етоха цунна  шовзткъа г1аж!

Милиционер: Муха? Суний? Х1унда? (воьхна хьаьвза)

Сулба И зуда хьан тайпанах елахь, г1ожмаш хьуна йог1у. Д1атоха цунна  шовзткъа г1аж!

Тешаша, т1екхетий, милиционер схьалоцу, иза юхаг1ерта. Карара а волий, воду. Т1аккха каравог1у. Вахвой, г1онта т1е д1авоьхку. Г1ожмаш етта буьлало. А-а-а- – мохь уьху милиционерехь, г1ожмаш мел йоьтту.Мацца а милиционер хьалаэккха

Милиционер  Сулба, хьуна ма сиха дицдела хьо хьуо а хушпийн некъенаха хилар? Ас сайна динарг дуьтур ду моьтту хьуна? Нах, г1одел сунна х1ара суьдхо схьалаца! Кхунна а йог1у сунна сана шовзткъа г1аж! (Нах Сулбайна т1аьхьа бовлу. Сулба, водай, карара а волий, сцени т1ехьба эккха)



                КИРХЬА.






9 сурт


   Сцени т1е йолу Ребиса.  Учурха юха а тхов т1ехь ву.

     Ребиса  Х1е-е-е-й, стаг! Охьавоссахьа цу тхов т1ера. Сулба ву вайга вог1уш.

     Учурха   Сулба ву? Х1инца х1у дахьаш вог1у х1ара аферист? Има а, беркат а хир дац иза гучуваьллачу меттехь.

     Ребиса  Ма дийцахьа, стаг, хьаштдоцург. Вайн заахала ма ву иза. Вайгахь схьагулбеш букха цо берраш а гергарнаш. Цхьа хаам бан воллу ша боху цо.

     Учурха  Со вуссур вац Сулбин ворх1е да ваг1ахь а. Вита со х1оккхузехь. Схьая сан топ! Мичахь ю саш шалго йолу топ?

     Ребиса  Ма дош дацара и топ схьа а карийна, тоьхна, хьо цу т1ера чу ца ваайтича.

     Учурха  Х1ун хилла-а-а? Ахь х1ун элира-а-а? сунна х1у хезира-а-а?

     Ребиса  Х1умма а ца элира. Цкъан а охьа ма воссалахь цу буьххьера!


     Уьйт1а бог1у Чхьочий, Болатханий, Кесибай, М1очуй, берриге а кхиболу дакъалоцушберш.  Цара Ребисе маршаллаш хоьтту, маара беттало.

     Чхьочу  Схьа ца кхаьчна Сулба?  Цо х1унда гуддина вай?

     Ребиса  Суна-м хаац. Цо ша дуьйцур хир дукха ша схьавеъча.

 
     Уьйт1а вог1у Сулба.  Цунна т1ехь ю к1айн костюм. Иза велавелла, векхавелла ву.

     Сулба  Маршалла ду массаьрга а! Ма дика душ у вовшахкхетта. Цхьа хаам бу сан шуьга бан безаш.

     Чхьочу  Мохк бегор бац, аьлла кхаъ баккха воллий хьо?

     Сулба  Иза Дала дика хуур ду. Со цо векал ца вина. (Тхов т1е хьала хьожу) Учурха, хьо х1удеш ву х1инца а цу буьххехь? Чу ца вуссу хьо?

     Учурха  (Оьг1азе)  Ца вуссу. Сан г1уллакх дац цу бухахь.

     Сулба  Ма восса ткъа, ца лаахь. Кху бухахь башха г1аддахана лелаш тхо а дац хьуна.

     Ребиса   Ма латтийша. Ас г1анташ ма деана вайна.

     Нах охьаховшу. Сулба царна дуьхьал а х1утте, къамел дан вулу.

     Сулба  Дика ладог1алаш соьга, сан йижарий, вежарий. Со кху дуьненчохь веха ехха хан ю, шуна ма хаъара. Дуккха а меттигаш а, хьаькамаш а, т1аьххьаре а 1едал а хийцаделла со теш а волуш. 1аламат люра, къа ца хеташ т1емаш а, бохамаш а, сингаттамаш а 1иттабелла вайх. Вайна х1инца, Дала акъалахь, вайн тоьллачу къенташа машар беана. Массо а заманчохь атта рицкъа, катоха меттиг лехна ас, лачкъайна а, ядайна а, аьшпаш биттина а. Наггахь кара х1ума кхочура, амма иза беркат доцуш д1айоьдура. Ас шу х1унда гулдина аьлча – айса лелийнарг шуьга ма леладе, ала.

     Кесиба  Ахь лелийнарг – м тхоьга лела а лур дацара, тхо лело г1иртича а.

Берраш а бийлало.

     Чхьочу   Ваша, вала дага-м ца деана хьуна? Дийна а волуш, хийцалур юй хьоьга хьайн амал?

     Сулба  Со къера ву айса лелайначунна. Цхьа хьадис ду, боху. Цу хьадиса т1ехь аьлла ду, боху: Кхузткъай къоъ не1 ю боху ялсамане чу йоьдуш. И не1арш цкъа йиллина хуьлу, боху, т1аккха ч1аьг1на хуьлу, боху. Амма цхьа не1 гуттара а йиллина хуьлу, боху. И не1 – шаьш летийначу къиношна доггаха дохкобевллаш чу боьлхуш йолу не1 ю, боху.

     Учурха  (Тхов т1ера чу) А-а-а-а, со кхийти, доттаг1а, ахь х1инца лелочух. Хьуо дохко ваьлла, аьлла тхо теш а лаьцна, ялсамане чу г1орта г1ерташ ву, кхи эхь ца хеташ. Цундела гулбина ахь х1ара нах?

     Сулба  Х1ан-х1а, нах ас кхечу г1уллакхна гулбина. Шуна ма-гарра, зама ч1ог1а хийцаела. Вай кху чохь мел дукха сонта лелахь а, доллучу а дуьненчохь сана экономика ца кхоллаелча ца йолу.  Вайга х1инца керлачу 1едало муьлхха а бизнес лелае, боху, йог1уш йолу налогаш д1а а луш. Хьанал х1ума цхьа а дихкина дац вайна. Со цуьнах кхетта вог1у, мел воккха хиллехь а, 1овдал леллехь а.

     Чхьочу  Коммерсант хила воллу-кх хьо, Ваша?

     Сулба  Вай массара а цхьа фирма схьаелла еза! Массарна а бан болх хир бу цу фирмехь.  Ребиса, хьо директор хир ю. Хьуна печаташ дета дика хеа.  Чхьочу, хьо экспедитор хир ву. Хьуна х1ума т1ея дика хеа. Болатхан, хьо бухгалтер хир ю. Ахь хьайца цхьаний а дега Х1ич1 –п1ич1 леладайтина дац. Учурха, хьо вай цхьа йоккха топ а эцна, хехо вохуьйтур ву. Пенсии а хир ду хьуна, алапа а хир ду хьуна. Кесиба, хьо а, хьан накъостий а йохкархой хир бу.  Массарна а хир ду белхаш, мокъа цхьан а 1ийр вац.

    Ребиса Сулба, хьо мича даржехь хир ву, тхо-м д1анисдира ахь?

     Сулба  Со, нагахь ахь д1аэцахь, хьан хьехамча хир ву-кха, Ребиса. Тохара коммерсантах спекулянт олучу заманчохь дика х1уманаш 1емина сунна.

    М1очу  Сулба, хьуна дагадеанарг вон х1ума дац.  Вуьшта, и дерриге а д1адоло ахча мичара хирду вайна?

     Сулба  Ахча а, бохча а, има а беркат а хир ду вайн барт а хилахь, вай лелош дерг хьанал а хилахь. (Зал чохь болчаьрга хоту) Иштта дуй иза, махкахой? 
     Бехк ма била, тхо тховса жима 1овдал леллехь. Вай иштта 1овдал лела, бохург дацара шуна иза, вай иштта леларна кхоьруш гайтина дара шуна. Иманехь, оьзда лела, ма боху вайга тахана кху дуьненчохь угаре а хаза маьждигаш дечара, вайн ярташ, г1аланаш хьалхачул а хаза а, дика а меттах1итточара.

     Учурха  Собар! Собар дел цкъа со кху т1ера охьавоссалц! (Чехкка охьа а вуссай, улло вог1у)  Сан а ду ала цхьа х1ума.  Цу тховт1ера дахьаьжча сунна а го цхьацца х1уманаш. Ялсамане еш ю вайн махкахь Рамзана а, цуьнан накъосташа а. Вайна эхь ду 1овдал лелча. Иштта зама хир ю, аьлча а бакъхетар дацара масех шо хьалха.  Олуш долу, дика, хаза дош ма кхуаде вай вовшашна? Диканиг бен ма далийта вай ваьшкара? Со кхи тховт1е а вер вац, сунна кхи топ а ца оьшу. Кхана дуьйнна вайца йолу муьлхха а г1алато д1аяккха нигат де вай?

     Массара а:  Нигат до-кх вай, Дала мокъалахь!  Дала мокъалахь! Дала мокъалахь!!!




                КИРХЬА

Саид-Хамзат Нунуев
город Грозный, Чеченская республика.