Есалла

Саид-Хамзат Нунуев
ЕСАЛЛА
повесть

Хумпарова Асмаъ Джалиловнина тахана выговор деллера. Болх бан йолаелчахьана дуьххьара. Массарна а ган а гуш. Лечкъош а доцуш. Партин райкоман бюрохь. Нахана хьалххахь юьхьIаьржахIоттийра иза оцу керлачу хьалхарчу секретара Тарамовс. «Стенна? ХIун цабезам бу оцу «мераIуьрган» йоккхачу зудчуьнца? Цхьаъ дан гIерташ яц со? Хьалхалерачул вон бо болх?»

ХIуъа делахь а, хIокху дуьненчохь цхьаъ чIогIа хийцаделла. «Хийцаделла-а? ХIан-хIа. ХIокху дуьненахь хIумма а хийца ца делла. Со къанъялар ду, хIинца оьшуш цахилар ду...»
Даима а хIунда лаьтта дагахь и конференци? ХIунда дагахьлаьтта гуттара а и цхьа суьйре? Деха а, хаза а хиллачу кхуьнан дахарехь хIун маьIна леладо цо? И доцург а мел бара и хиламаш!

Юха а и конференци. Юха а и суьйре. Нускалан кIайчу гIабали тIехь Iаьржа хьоькх санна. Дагах а, сих а, уьш лазош, чекхбаьккхина цхьамза санна.

Иза массара а хестайора. ХьагI лелош йолу масех нийсархо йоцург, массо а, хьесталуш, къежара. Хаза яра. Къона яра... «Дуьххьарлера нохчийн йоI-жаIу» — иштта яра меттигерчу газетехь кхунах лаьцна хилла статья. Сурт а. Верта а тIехь говрахь Асмаъ.

Районан хьаькамаша тергалйира йоI. Ша аьлча, хIетахьлерчу хьалхарчу секретарана Савриев Мухарбек Мунашевична хааелира-кх. ТIахъаьлла а, лоруш а къонах вара иза. Республикам автономи юхаметтахIоттийначул тIаьхьа, кхузткъалгIачу шерийн юьххьехь яха охьахуучу районехь и вийцар бен хIумма а дацара: Сав¬риев, Савриев... Мухарбек Мунашевич, Мухарбек Мунашевич... «Дуьххьарлера нохчийн йоI-жаIу» хилла дукха ца лийлира Асмаъ. Колхозан комсомолан комитетан секретарь хаьржира.

Дукха хан яллале, стенна делахь а, цIеххьана комсомолан райкоман секре¬тарь яхийтира. Парте а яьккхира.  ХIеттахьехь, оцу шерашкахь, хилира и конференци. Гуттаренна а дагахь йисина ерг.

Асмаан хIетахьлерчу кхетамехь конференци доккха дезде дара, эшарех, зезагех, даарех-маларех юьзначу стоьлех лаьтта. Кура, екхна, самукъане хуьлура адамийн яххьаш.
Районни конференци хуьлучу хенахь хьеший, дIасара ярташкара баьхкинарш интернате нисбора. Цигахь хоьцций самукъадоккхура, эшарийн а, хелхарийн а суьйренаш дIахьора. Республикан¬ски барамашкахь дIахьочу конференцис-м кхин а цецйоккхура иза, шен кхетамехь чIогIа исбаьхьа, хьалдолуш кечйина хеталора цунна Грознерчу хьешан цIийнан номерш.
Ткъа оцу сарахь лаьмнашкара делегаци цхьа де хьалха схьаялийнера, хьешан цIийнехь дIа а нисйинера. Ресторанехь хаддаза деш хелхарш дара. Иштта дукха адам вовшахкхетта сакъоьруш меттигаш ца езара Асмаана. Иза эхь хеташ йоI яра. Ткъа хIинца, лаахь а, ца лаахь а шен балхо декхарйора. Комсомолан райкоман секретарь!

ЙоIана гIенах а ца гун болу болх!
ТIамтIехь вийна волу шен, да дага ца вогIура Асмаана. Да бохург хIун ду а ца хаьара. Муха хуьлу те и дай? Шайн йоIаршца муха хуьлу-те? «Схьахетарехь, Мухарбек Мунашевич санна хир бу-кх», — даг чу дижна даьллера цунна тIаьххьарчу-хенахь.
Ресторанера хелхарш буьйса кIаргъяллалц дIадахара. «ТIахъалий хьовза, Асмаъ, кегийрхойн самукъадаккха! Иштта ма бу хIинца хьан болх! ХIан? Эхь хета! Схьайоьл цкъа кхуза!» — тIекхайкхира йоI хьалхарчу секретара, тIаккха шен стоьлан йисте охьахаийра. «Xlaxl. ДIамала. Мала дезаш ду, ца малахь, со оьгIазгlyp ву. Дерриге а, бухахь тIадам ца буьтуш, цу чохь дIовш делахь а! Ас буьйр до-кх хьоьга! XIapa партийни тIедиллар ду хьу¬на!» Асмаана иза коьрте делира. Иза хIинца евзар а яцара. Мухар¬бек Мунашевича иза юьстахъяьккхира.

— Xlaxl, дIаэца, хIокху тIехь сан чоьнан  номер ю хьуна. Цхьа иттех минот яьлча чу йола, кхана дан дезачех цхьа хьума ду дийца дезаш. Кхийтин хьо?
— Кхийти.
Мухарбек Мунашевич, пиджак а, галстук а дIа а яьккхина, кучан кач дIа а хецна Iapa и ларъеш. Цхьана хIуманна къежа а къежаш. Стоьл тIехь яра кемсаш, хадийна хорбаз, шишанаш...

— Чуяла, Асмаъ, охьахаа. Дагара дийца вайшимма. Деллахьа, ма хьежа соьга цхьана воккхачу хьаькаме санна. Ца оьшу, Асмушка, ца оьшу! Кхиболу нах санна адам ма ду со а. Хаалахь, суна ца деза хьуна и наха тIехдаьккхина Мухарбек Мунашевич, Мухарбек Муна-а-а-шевич... Кхийтин хьо? Со а и вуьйш санна ву. Чекхдаьлла-кх иза. Амма-вайшиъ ваьшшиъ долчу хенахь. Нах болчохь-м хаза хир дац. Иштта ду хьуна... ДIабахахьа уьш, нах. КIордийна суна уьш, бакъ а долуш кIордийна. Суо цхьаъ виса лаьа, тийналла, паргIато еза.... Дашна аьлча, кхийтин хьо?

— Кхийти.
— Уй, эхь ма хета, хIай! XIaxI, гIайбеш тIе товжал. Дийнна биъ гIайба бу хьуна кхузахь. Деладахьа, ма хетийта эхь! Асмушка, хьо муха ю? Дитал  иэхьхетар. Сох ма къехкал. Ас вон болх хуьлуьйтур бац хьуна, сайна чохь са а долуш!
— Хаьа суна-м...
   — XIaxI, дIаэца хорбаз, кемсаш ю хьуна, ма кхоае xIapa йолуш ерг!

— Баркалла. Суна хIумма а ца оьшу, Мухарбек Мунашевич.
— ХIан-хIа, и дош дац! Хезний хьуна: «Партис аьллий — «дан деза», комсомоло аьлла — «дийр ду!» ХIан? Хезний хьуна?
— Дуй хьуна, хьо ийза ца луш, паргIат хила еза, хьуна диканиг хила лууш со хиларх теша еза!
— Теша со, Мухарбек Мунашевич.
— ХIан-хIа! «Мунашевич» вац. Хьуна тховса Мухарбек ву! Кхийтин хьо?
— Дика ду. Кхийти, Мухарбек Мун...

— Хьо кхин а хьалаяла езаш ю, Асмушка. Меттигерчу къомах белхахой оьшу вайна. Никита Сергеевича вайн республика меттахIоттийна, ткъа и болх дIакхехьа нах кийча бац. Шен хенахь Ста¬лина аьлла ма ду: «Кадры решают все!» Суна и дика дагадогIу. Со хIетахь Алма-Атахь университетехь доьшуш вара. Иштта ду хьуна. Оха хьо совпартшколе деша йохуьйтур ю. Иза сецна ду. Хьо дуьххьарлера йоI-нохчо хир ю партин райкоман секретарь! Ас хилийта тIелоцу хьуна. Теший хьо сох, Асмаъ?
— Теша, — эхь хетта елакъежира йоI. Мухарбек Мунашевична иза чIогIа хазахийтира. Хазахетаделира, кIеда, кIайн-ховха настарш маьнгех чу а охкийна, цуьнан ларамаза хиъна Iap.

— Кхетал хьо сох, Асмаъ. Хьо ирсе хилийта, дерриге а дийр ду ас. Хьо буо дуй а ма хаьа суна. Хьан цхьа а вац, йоза-дешар ца хуу а, и дешча а хуур доцу а геннара гергарло долу масех стаг а дIаваьккхина. Уьш хьан хIун бу? Шайн гезарийн яжо хьежор ю-кх цара, хIетахь, Казахстанехь, хьежош ма-хиллара...
«Оцу гезарех дерг мичара хаьа-те кхунна? — дика ца хетаделира йоIана. — ХIан, дагадеа. Газета тIерачу статья тIехь иза а ма хьахадора. Дика ду-кх кхунна газета тIехь яздина хиллачул бен ца хууш а...»

— ДIаса а ца ийзош, ма-дарра дийца вайшимма, Асмаъ, — виллина вела а къежаш, шиша схьадаста хIоьттира Мухарбек Му¬нашевич. Ши бокал а дIаюьзира. —Малахьа, Асмаъ.
— Малалур  дац, — даггара жоп делира Асмаа, ресторанехь меллачо хIинца а корта меттабаийтаза йолчу.

— ХIума дац. Ас бохий хьоьга дIамала, суна хаьа хьуна, айса хIун боху. ДIаэцал.
Асмаа схьаийцира.
— ДIамалал, — элира Савриевс, цкъа къурд бина шен бокал а яссийра. Партин райкоман хьалхарчу секретарана хала ца хетийтархьама, Асмаа а дIамелира.
— Хаза ю хьо, — аладелира Мухарбек Мунашевиче. Цул тIаьхьа минот а ялале, мел тамашийна делахь а, я иза иштта хетаделлехь а, Асмаан эхь хетачу юьхьа тIехь там хиларан елакъажар хааделира. — Ас ирсе йийр ю хьо, — кхидIа а вистхилира иза, юххе а таьIна, йоьIан белшаш тIехула пхьарс тесира. ЙоIана кхин а чIогIа эхь хийтира. Цо корта оллийра. Карара яла-м ца гIоьртира.

— Сан хьомениг, ас дерриге а дийр ду хьуна! — даьIахк санна, озачу шен куьйгаца, хIинца а беран санна, цIена, ховха бат шена тIе а ерзийна, барташ даха волавелира иза. Хуьлуш долчун духе кхиаяллал долчу хьолехь яцара Асмаъ. Цунна хаьара цхьа мегаш доцу а, кхераме а хIума хIинца   хуьлуш дуйла, амма дуьхьалъяла ницкъ бацара, оцу стагана халахетийтарна кхоьрура. Масех минотехь тешам болийла дацара, xIapa киртиг тIехIотталц чIогIа веза, эвлаяъ санна хеташ, лийринчу стагах. Савриевс, хьала а гIаьттина, чиркх дIа а байина, ша ерзинаяккха йолийча бен, хуьлучун духе ца кхиира иза. ТIаккха, горг а елла, хебира. Кхераелла, его йолийра.

Цо мохь хьокхург хир бара, оцу гIуллакха тIехь зеделларг долчу боьршачу стага цкъа а стеган куьг кхетаза болу накха, дегI шен хьацар даьлла, тIунделлачу куьйгаца хьеста ца болийнехьара. ИоьIан кхетам малбеш, дерриге дегIан экамечу меттигашна тIехула шершара и куьг. Боьршачу стеган даггарчу довхачу дехарша а, валлалц йолчу ханна безамца ечу чIагIонаша а тилийнера йоI. Эха сохьтехь гергга бен дIа ца бахьабелира къийсам. Ткъа цул тIаьхьа цуьнан ницкъ ца тоьира Мухарбек шен Iалашоне дIа ца кхачийта...

Iуьйренца йоIана дагадаийтира Савриевс делегацица болчарна, ша   комсомолан обкомехь евзина доттагI йолчохь буьйса йоккхуш яра, аьлла, аьшпаш ботта.
Ишта яра и конференци, Асмаан берриге кхолламан, дерриге а кхидIа хиндолчу дахаран некъ билгалбина йолу.

И конференци дIаяьлча, кIиранах холчахIоьттина лийлира Асмаъ. ТIебазбеллера мичара-муха бу а ца хуу цхьа кхерам. Цул тIаьхьа, хилларг цхьана aгIopa зуламе ца даьлча, хIумма а кхерамениг хирг цахиларх теша а тешча, хахъаьлла паргIатъелира. Цу тIе а, Мухарбек Мунашевична оцу буса ша мел дийцинарг диц-м муххале ца делла, мелхо а кхуьнан гергарнаш, дерриг церан тукхам хьал долуш, ирсе дан чIагIонаш йо-кх! ШарIан Iедалехь шен зуда хила, боху. Вуьшта ялон мегар дац. Балхара дIавоккхур ву. Ткъа цул тIаьхьа ша дийр ду боху диканаш дойла а хир яц.

Эххара а, партина, комсомолан а ши райком чохь йолчу тхов кIел ларамаза кхаьчна жаIу лелла йоI а йоцуш, ша хьакъ йолуш цIийнанана таръелира Асмаана. Иза майраяла йолаелира. Ах шо хьалха муха бу а ца хиъна болх безабала болабелира. ХIинца, цунна хетарехь, дерриге а шен-шен метта дIахIуттуш дара.

И буьйса дIаяьллачул тIаьхьа баттахь гергга Асмааца юкъаметтиг ца лийхира Мухарбек Мунашевича. Ткъа хIинца, гIapa валарна кхоьруш лелар эрна хиллий хиъча, хьалхачул а карзахваларца цуьнца керла тIе-кареш ян волавелира иза.

— Мукъачу дийнахь цхьанххьа а яха езаш-м    яц хьо? — Ас¬маана велакъежиа, лелина дIавахара Савриев, иза шен кабинета   чу а кхайкхина, цхьана пIерасканан сарахь.
— ХIан-хIа...
— Дагадаийтал ахь. Цхьаьний гIала дахча хIун хир дара? Хьайна цхьацца хIума а оьцур ахь. Лелий ялал. ГIор вайша. Со суо хир ву машенца. Iуьйрре дIагIур ду. Совболчеран бIаьргаш тIе а ца къоьрзуьйтуш. ЦIахь берш тешор ахь, Грознехь цхьа се¬минар ю, аьлла. Дукха Iуьйрре даха деза...

— Дика ду.
— Барт хилин вайшиннан?
— Хили, — эхь хетарца жоп делира йоIа. Савриевна ша ирсе хийтира. Юха а йоIаца хинйолчу юкъаметтиго там бина, дог дай-йн Iийжара, ткъа юьхь къежна, лелина дIаяханера. Ша районехь къайлах лелочу хIуманашна юкъахь уггаре а тоьлушха гIуллакх лорура цо xIapa караерзош кхочушдинарг...

Зама хийцаелла. Ткъе пхиъ шо дIадахана и конференци хилла. Ма дукха хан ю и, делахь а, меллаша а ца йоьдуш, дийнна шерех чехкка чекхъиккхича санна хета-кха иза. Чехка деана Асмаъ а, иза а цхьана туьйранехь долчу кеманахь хилча санна, цуьнан горгачу корех арахьаьжча гина суьрташ бен, гонаха кхин дахар а ца хилча санна. Цигахь дерриге а дара: шело, йовхо, серло, бода, берийн делар, къанойн хьекъалх дуьзна къамелаш... Ткъа кхузахь, кема¬нахь, дерриг а цIена ду, девзаш ду, аьхна ду.

ЦIена гуо. Уггаре а тоьллачу басарийн, подарийн хьожанах дуьзна хIуо. Дуккха бодане а, тIех сирла а йоцуш серло. Дерриге а долуш санна хетало. Я хIумма а хила а цахилла-те? Айса сайн лееш хилла-те ас? Оцу выговоро нисдан мега дерриге а шен-шен метта? Дахарехь боккъалла а дерг, хила дезаш хилла дерг  дIадоладаларан билгало-м яц-те и выговор? Ма кхераме ду иза. Ма нийсо яц лелаш ерг! ХIан-хIа, со юха а осалъялар, кхераялар ду xIapa. ХIинца санна, Iаткъам беш ца хиллехь а, хьалха а ма нислора ишта киртигаш. Дерриге а шен метта дIанислур ду...

* * *

Ехха лаьттинчу йочанаша мустдина латта меллаша дакъадора гуьйренан малхо. Ледара йиллинчу асфальта тIехь хатт бара. ГIуллакхехь маззакъбоьллачу аппаратни хьаькамашца ондда зIенаш йозаеллачу шен цхьадолчу дахарх йоьллера Асмаъ Джалиловна.
Цо шен даг чохь чIогIа чIагIдинера, хIокху тIаьхьадисинчу, боданечу дуьненахь ши дахар ду, аьлла. Дика мел дерг, нийса мел

дерг дерриг а адамийн дуьхьа дан гIертачу гIуллакхерчу нехан да¬хар а, ткъа вукху aгIop, царна новкъарлонаш еш, шайн кхетамца
а, шайн гIиллакхашца а, динан Iадаташ дIа ца тийсарца а лелачу
кхидолчу адамийн дахар а гора цунна. Шен дахар, наха масал
эца дезачу aгIop цIена а, нийса а  хетара. Шен парггIатчу, сирлачу
дахарх гонахара кхиболу зударий хьоьгуш санна хеталора. Моьттура, ша санна, урх хецнна а, майрра а ехаш хила хIуъа а дийр
дара муьлххачу зудчо а. Цундела адамех, шен гергарчех къехкаш
лийлира иза цхьана хенахь.

Ткъа цул тIаьхьа-м ша йинчу юьртахь
наггахь а иза ган а ца гора. .
Асмаъ Джалиловнас къамел оьрсийн маттахь дора. Оцу маттах цакхетачуьнца гIуллакх Iоттаделча, оьгIазе, мохане хуьлура, нохчийн маттахь йистхила дезча, Iаьршашка хьаладаьлла долу партин сий ша дойуш, охьадожош санна хетара.
Мухарбек Мунашевича шен дош кхочушдира. XIapa совпарт¬школе деша яхийтира. Ткъа цул тIаьхьа комсомолера партин рай¬коман аппарате а яьккхина, зударшца бечу балхехула отделан заведующи хIоттийра.

Уггаре а хаза, ирсе шераш дара уьш. ЧIогIа дог-ойла гIаьттина хиларца бора и болх Асмаъ Джалиловнас. Зудчунна тIе зуда ялийначарний,  кхидолу ширчух бухадисинарш дуьйлуьйтучарний таIзар дан шегахь болчу ницкъах а, таронех а йоккхаера иза. Адмаш цунах кхера дуьйладеллера.

Къаной кхоьрура — шаьш къайллах Далла ламазаш деш долу дела. Ткъа школийн директорш кхоьру¬ра—дешархошна юкъахь хIинца а цхьаццаберш коьртахь йовлакх долуш школе лелаш хиларна. (Дала тIе ма дохьийла уьтталгIачу классера йоI маре яхар, тIаккха бита безара директоран лакхара болх). Юьртсоветийн председательш кхоьрура белла нах хIинца а, хьалха санна, ширчу Iедалехь дIабухкуш хиларна: цигахь ца хуьлура зурманийн оркестраш, зезагаш, веллачун коша тIехь даздаран митингаш. Масане хуьлу хIума. Цхьаьннан а багара дIа ца хедара цуьнан цIе. «Хумпарова еана», — олий—хаа дара цо цхьаъ чуволлуьйтуш хилар. Я цхьанна шен зуда майрра дуьхьалъялар.

Я цхьана хьаькамна собранехь луьра выговор далар.
Шен дагахь оцу гIуллакхех воьлуш лелара хьалхара секретарь Савриев. Ма-дарра аьлча, цуьнан шолгIа зуда ма яра Хумпарова.  Бакъду, бераш дан а, и волчу яха а, иза ша волчу вало а нахана хьалха бакъо а йоцуш. Адамашна я иза ма-дарра гора, я царах шекбуьйлура. Иза, эладита ду, олий, Iадда дуьтура, хIунда аьлча, цхьаьнгга а уьш къарлур бацара. Ткъа тIаьхьа-м, Хумпаровах цкъа хьалха партин райкоман кхоалгIа, тIаккха шолгIа секретарь хилча-м, царах а, цуьнан шатайпачу дахарх а тамаша ца бора наха. «Хьанна хаьа и, оцу лакхарчу хьаькамаша лелориг? Церан нехан санна хуьлуш ма дац хIума». — «Цхьажимма тера-м дара цкъацкъа хIума вовшашца догIучух, ткъа иза «любовь» ма ю! Кинохь а и тайпаниг гойту. Ткъа партехь болчеран амалехь гIуллакх ма ду иза, боданечу ламарошна-ахархошна хIун хаьа, иза хIун ду а».

* * *

1944-чу шарахь, жима бер долуш, байлахь йисира Асмаъ. ТIом болабеллачу юьххьехь вийнера да. Цул тIаьхьа ткъа шо даьлча меттигерчу историкана карор ю бIеннашна юкъахь цуьнан цIе а Брестан гIап ларйинчарна юкъахь. Буха    сурт а ца    дисина ден.
Нина  Асмаана дагайогIу. Цо шен   месаш шаръяр а, «кIозалш»
яр а. Цунна коч ян хаар а, муьлххачу тIуьйлигех, чIешалгех тайнигаш ян хаар а. Шена юххе цо ша, тийна, эсала йиш а лоькхуш, дIайийшаяр а:
Алай, балай, дIайижа,

Сан диканиг, дIайижа… – олий.
ДагадогIу цуьнан кIеда, кIайн куьйгаш. ДагадогIу, адамаша тIехйоьттинчу вагонна  чохь мел готта дара, цу чохь мел садукълора. Асмаъ сих-сиха йоьлхура. Цунна диц ца ло нанас, ша кара а оьций, аннаш тоьхначу корехула эрна шера аренаш шена гайтар, ма елха, наниниг, шега бахар а. «Гой хьуна, эццахь хIумма а дац. Вайна саца меттиг а яц. Ткъа дIаихча, бухахь дерриге а хир ма ду, кхузахь доцург.

 Чорпа а, доккха цIа а, ловзо хIуманаш а. Жимма сатоха, наниниг. Кестта дакхочур ду вай. Гур ду хьуна, цигахь дика хуьлуш!»
Ткъа тIаьхьа дIакхаьчча-м, берриге а цхьаьна дIанисбира, ва¬гонна чохь а доцуш, боьхачу, шийлачу, пенийн хьахарш эгначу рагIеш чу. Вон хьожа йогIучу ча тIехь, цIенкъахь дIадуьйшура, Бер¬риге а бохург санна цомгушхиллера. ЙоIана, набарх санна, дагадогIу цу оти чуьра ша араэцар, цхьана воккхачу стага шена кхо са болу шекаран гIорза ялар а.
ХIетахь дуьйна даима а оьгIазе хуьлучу куьг доцчу шен верасца Исмаилца а, цуьнан цIийнаненаца Хьалиматца а Iаш яра иза.

Мел мах белча а, реза хир яцара Асмаъ Джалиловна шен бералла юхахилийта. Iуьйренан зIаьнарш гучаялале дуьйна юха синбода къовлабаллалц йолу хан, мецачу арахь гезарий яжош, цхьалха дIакхехьначу цунна бевзара баьпган чкъоьрган мах. Ткъашъаьлла йолчу шелонехь я тевнехь хIун ю йоца, Iуьргаш девлла хеча, йоьхна резинкин мачаш, хи, хатт чу а бо;луш? Мел хала ду ахь дечу гIуллакхана баркалла я дог оьцуш кIеда дош цаалар. Цуьнан мах а хIун бу, хаьара йоIана.

И дерриге а дисина генарчу, луьрчу Казахстанехь. И дерриге а, дахарехь хила а ца хилча санна, дицдан, даг чуьра къахко лаьара цунна.
КхоалгIачу дийнахь варшал дехьахь йолчу меттехь жимма кIур ийлора. Схьаетталучу хьожанах хаьара Асмаана цигахь, хIуъа ел ахь а, цхьа юу хIума кхехкош я йоттуш хилар. Цунна хезнера, бохийнабалийнчу наха, хьалхарчу муьрехь мацалла ца бала, оьпарчий лоьцуш, уьш юу бохуш. Цо ша цкъа а ца йиънера оьпа. Амма сарралц цаьрга хьоьжура, уьш баннаш чуьра хьалаюьйлуш, дIасауьдуш, тIаккха юха лаьттах юьйлуш. ЙоIана дагадогIура: «Соьга яалург хир яцара-кх уьш. Оццул кегий, боьха, мукадехкий санна йолу...»
Амма кIуьро  Iехайора.

Хьалхарчу шиналийнахь Асмаъ Iинна дехьа яла а, цигахь цIе леториг мила ву, хьажа а ца яьхьира. КхоалгIачу дийнахь Iе ца елира. Гезарий Iадда а йитина, едда дехьаелира.
Латийнчу цIарна юххехь цхьа кIант гира цунна. Шел ши шо воккха хир волуш. Пхьуьйшаш эттIа, бехъелла коч а, гатанан га¬лин кIаденах чам боцуш йина хеча а тIехь. Цкъа «xIуп-п» бохуш, тIаккха чIийш дан уьдуш, гуо туьйсура цо цIарна.
Асмаъ оцу дийнахь кIантана тIеяха ца яьхьира, цо, хIуъа елахь а, кхалла хIума йоттуш хиллехь а, шена а дакъа дийр ду, аьлла тешна хиллехь а. Цундела шолгIачу дийнахь-м Iуьйранна дуьйна саготта яра иза: тахана ца вогIуш-м Iийр вац-те?
КIант-м, хьалха санна, схьа а веана, цIе лато волавелира. Леррина юххехь латтош яра Асмаа шен гезарий а. Цо хIилла дан сацийра: цIе а латаяйтина, юург кечйина а валийтина, тIеяха. Иштта нис а делира иза.

— ХIей, кIайн буьхьиг ца гира хьуна? — Iинал дехьа а яьлла, кхоьру-уш хаьттира Асмаа, бегашна а доцуш, кIант воха а веш. Иза дIавада кийча хьалаиккхира, амма сецира, шен баккхий, билаза боьмаша бIаьргаш йоIана тIехь а совцош.
— Мила ву хьоьца? — хаьттира кIанта.
— Цхьа а.
— Гуттара а айххьа яжайо ахь гезарий?
— Айсса.
— Цхьа а ца хуьлу хьоьца?

— Ца хуьлу, — жоп делира Асмаа, тIаккха ойла хилира: «ХIунда хоьттуте цо иза?» Амма, и кхидIа вистхилча, меттаеара:
 — Варлахь, цхьаьнгге а ма аьллахь, со кхуза коьллаш йолчу вогIу.
Ший а жимма тайна Iийра. КIентан карахь гучу еттинчу картолашна тIехь бара Асмаан бIаьргаш. Кхин масех картол а Iуьллура цIарна юххехь, лаьттахь.

— Езий хьуна? — хаьттира кIанта, цуьнан   меца    бIаьргаш а
байна. ЙоI йист ца хуьлура. ТIаккха байн корта ластийра цо. КIанта картол елира. Цаьршиннах доттагIий хилира. КIентан цIе Дикваха яра. Цуьнан шала вина ваша а вара Дукхаваха бохуш. Делахь а итт шаре а цавелира иза. 1944-чу шеран бIаьстенан юьххьехь мацалла велира иза. Ткъа цул хьалха, нах тифах    лечу    хенахь, еллерз нана, ХIинца дендеца вара Дикваха. Иза бIаьрзе, заьIапа стаг, вара, цхьанхьара йогIучу йоIа ца валлал кхалла хIума йохьуш ца хгоша, мацалла лийр а волуш.

Диквахина яла хIума ца тоьура.
Цундела, хIуъа лелийна а, хене вала гIертара иза.
Цкъацкъа нислора кIант ши картол бен йоцуш вогIуш а. Иштачохь йоккхаха картол Асмаана лора цо.
Кестта йоIана евзира кIантана уьш карайогIуш хиларан къайле а. Колхозан арахь а, нехан бошмашкахь а картолаш оццул яккхий хуьлуш хан а ма яцара карахь ерг. КIанта дозаллица. Гайтира цунна ша уьш лахарехь кечбина хIиллане гIиpc. КIужах стомма тай тесна хьостам гайтира цо.
 
— XIapa xIун ю?
— Суна сайнна дагадеана xIapa.
— ХIунда?
— Ой. Картолаш мичара йовлу, моьтту хьуна? — къегара Диквахин бIаьргаш.
— Дийцахьа, xIa.
— Колхозам еха склад мичахь ю, хаьий хьуна?
— Хаьа.

    —Амма хьуна ца хаьа цу кIелахь еха, Iаьржа ларма юйла.
Складехь хIинца башха хIумма а яц, цундела ледара ларъеш ю
иза. Ткъа со буса тхов тIехь долчу Iуьргахула цунна чу волу. Лармина тIехула йина аьчган стаммийчу серех юьйцина йина чекх са
гун неI ю, тIетоьхна борзанан догIа а долуш. Ас цхьана куьйга
тайн юьхьиг схьалоцу, ткъа вукха куьйга хьостам картолашна
тIе кхуссу. Дуккха а ахь чу кхийсахь, тIаккха картол тасало хьостамна тIе. Иштта лоьцукх ас уьш. Цкъацкъа дуккха а карайогIу.

Цкъацкъа, сахиллалц болх бича, цхьаъ-шиъ бен ца йоккху. ЦIахь
ятта ваьхьар вац. Цхьанна гахь, хуур ду, уьш мичара йовлу. Со а,
белларш санна, хьалххе велла хир вара, нагахь и хIума сайна
дата ца деанехьара, — ша-шех воккхавера Дикваха.

ХIинца Асмаъ цунна юххехь хиъна Iapa. Хьалха санна, чам боцуш а, беркъа а ца хетара цунна тIера, хетарехь, дозаллица лелош йолу зарзъелла гатанан хеча, эттIа коч. ЙоIана ша.
ХIокху дуьненчохь уггаре а мерза даар хетаделира Асмаана картолаш. Диквахас уьш шена луш, ша ирс долуш хетара цунна. цхьа хетар яра, сингаттаме а хир дара хьалхачулла, хIинца иза цIеххьана дIавайча. Оццул цуьнца уьйр лацаеллера.
— Хьо цIарна юххехь гича, ас дуьххьара стенан ойла йира, хаьий хьуна?
— Стенан ойла йира?

— Суна моьттира, хьо оьпарчий йоттуш ву
— Уьш-м мерза яцара, — гIуллакх девзаш хиларца жоп делира Диквахас, — уьш яарх, вузур вац. Дукха IалагIожа ю лело езаш: урс хьакхар, цIока яккхар...
— Ахь йийний, цIока яьккхиний?..
— ХIан-хIа. Кхечара и деш гинакх. Суна воккхачу стага дихкина. Бусалба нахана яа мегаш яц, боху, уьш. TIe диллина дац, боху.
— Соьга а яа ца яла мегара-кх уьш, схьахетарехь. Мукадехкех тера ма ю уьш.
Эххар а Асмаа, шеца тай-махий деана, дIатийгира, Диквахин
коч.

Цаьршиннан доттагIалла чIагIделлера. Картолаш йоцуш ви¬сича а, йоIа гезарий яжочу вогIypa Дикваха. Шена керайоьлларг Асмааца цхьанийсса йоькъура. Тайн-тайпана ловзарш а дагадохкуьйтура. Чаккхе ян а юй-те, боху деха денош дацлуш хетара. Дикваха ца вогIуш гIеххьа хьевелча, Асмаан чIогIа сагатлора.

...Оцу дийнахь шен говрахь схьаиккхира комендант. Берашна хаьара бохийна балийнчарна тIехь иза уггаре лакхара хьаькам вуйла. Дикваха цунах вада дагахь юьхьанца хьалаиккхира. Кхийтира иза шена тIаьхьа веана хиларх. Амма Асмаъ ша йита ца лиира.
Коменданта маьIIаргонна хьошура бераш. Оццул луьра, догдаьттIа вара иза. Говрара охьа а иккхина, схьа а лаьцна, коьртах. ондда шед тоьхна, Дикваха вожа а вина, къаьхьачу цабезамца дешнаш кхийсира цо:

— Бандит! ЖIаьлин кIеза! Яхкаелла куьрхиг! Ас лур ю хьуна.
Муьжгийн этгаца кIентан бетах а, чоже а мийра    беттара цо.
Хеталора, иза кIант вен дагахь ву.

БIаьрхиш хьаьвдда, кхераелла, Iадийна, дехарш дарца комендантана тIетасаелира Асмаъ. Цо, когех а тийсалуш, йоьлхуш, де¬харш дора, кIантана кхин ма еттахьара, бохуш. Дикваха, ченалахь хаба а хебна, куьйгашца корта а хьулбина, чуьра цхьа а аз ца долуш Iуьллура. Гуш дара, цунна воккхачо еттар дуьххьара доций а, оцу хьолехь Iилла иза Iемина вуй а.
Екъачу бецан цхьайолу хелигаш цIийх лешнера, «Хьарамдара хьо вен ца вуьйш витар» — аьлла хьуьхь а воьлла дIавига да¬гахь комендант шен говр схьалаца волалуш.

Карзахъяьлла йоьлхура Асмаъ, Диквахин корта хьала а ийбеш, цуьнан бIаьргаш чу хьажа гIертара. Диквахин бIаьргаш дIа ца беллалора. Я чIогIа лазийна делахь а, я, шина кога тIехь долчу акхарочунна ян шен дуьхьало цахиларна, Асмаах эхь хеташ делахь а.
— ХIунда йитти цо хьуна? ХIун бахьанехь? — тийжарца йоьл¬хура Асмаъ.
— Картолаш бахьанехь а. Ас зударий кIелхьарабовлийтар ба¬хьанехь а.
— Зударий? ХIун зударий?

— Арахь болх беш болу вайн зударий. Сарахь балхара цIа боьлхучу хенахь, цхьаболу зударий къайллах бухабогIу кIа дийна хиллачу куьпа, цигахь эрна арахь охьаэгна Iенаш, буьртигаш лехьо. Коменданта уьш лахьо бакъо ца ло. Уггаре лекхачу толла тIе а волий, гучуволий, хьоьжуш, ларво ас иза. И вогIуш гучу мавелли, ас мохь туху зударшка, тIаккха уьш цу арара цIехьа бовду. Шаьш лахьийнчу кенех жим тIама дакъа до цара суна а. Сан ден¬да бIаьрзе ву. Цунна ган а ца го. Iаьнна кечйина хIумма а яц тхойшиннан.
ДегIан лазарна хьала ца гIатталора Дикваха. Балдаш, бIаьргаш, ерриг юьхь чIогIа йистинера. Хабар а халла дийцалора цуьнга.

Шишанна чохь хи деара Асмаа. Цуьнан юьхьа тIера цIий дIадаьккхира. Дийнахь сарралц, цунна юххе а хиъна, йоьлхуш Iийра иза.

*  *   *
Партийно-политически гIуллакхехь ша лакха мел юьйлучу хIокху шерашкахь Асмаъ Джалиловнин ерриг ойла а дIалаьцнера цхьана адамах кхераро. И адам дара — Мухарбек Мунашевичан бакъйолу зуда, хьаьрса месаш йолу Руькъет.
Нахана а, ткъа иштта Савриевн зудчунна а хьалхахь, ша, хазалло кхачийна йоцуш, хьекъало балха кхачийна стаг ю, бохург чIагIдан гIерташ, чIогIа лерина бан гIертара Асмаъ шен болх.
Оцу кхузткъалгIачу шерашкахь некъан йистошца иттех боккха акха кхор лаьттара, гонаха йина кегий керташ а йолуш. Баккхийчу наха дийцарехь, и керташ йинера бежанашка IиндагIера буц бех ца яйта. Цу IиндагIехь воьду-вогIучо паргIат садоIура, кIел боьжна кхор а кхоллура. ХIетахь дIасалелаш рейсови автобусаш яцара. Нах гIаш лелара, наггахь новкъахь киралелон машен а кхеташ.
Дуьйцура, цу кхорийн IиндагIехь Кунта-Хьаьжа боху шайх садоIуш Iийна, бохуш. Иза ву дуьххьара гIазотана  дуьхьалваьлларг, вонна дуьхьала герз ца даккхарехьа болам дIаболийнарг, зикарийн тIерикъат  Нохчийчохь юкъадаьккхинарг а, мурдийн тобанаш вовшахтохар дIадолийнарг а. И болам тIаьхьо Кавказехь а, Юккъерчу Азехь а бехачу бусалбачу нахана юкъахь а дIабахана. Шайхо садаьIна дела йина ю и керташ, бохуш дуьйцурш а бевлира. ТIаккха партийни идеолого сацам бира, нах бусалба дине ийзораш и кхораш ду, аьлла.
Цул тIаьхьа Брежневс маларш муьйлуш, самукъане дIаехьначу заманахь а дагаоьхура нахана и кхораш, уьш лаьттина меттигаш. ХIинца некъан йистошца, коьллашца Iуьйранна а, дийнахь а, буса а садаIа охьахуьйшурш тайп-тайпана хьаькамаш бара. Бераша галешкахь дIакхоьхьура кхузара пивох, къаьркъанах, коньякех дассаделла шишанаш. Ткъа кхорех-м ураатталла юьхкаш а ца йисинера.
Замане хьожжий хуьлу билгалонаш а...
Асмаъ Джалиловна массо хIуманна тIехь а дика ларайора. Оцу шерашкахь мел лелийна гIуллакхаш цуьнан цIарца, аматца, хотIаца дозаделла ду. Иза ишта хиларан бахьана дара Мухарбек Мунашевич хIилла долу, боьха хIума хилла хиларна. Нахана хьалха ша цIена а вуьсуш, оьзда мел доцу, доьхна мел долу гIулла¬кхаш, ша ира а хIиттош, шен гIоьнчашка дойтура цо. Ткъа ша нахана дика ву, ийна ву моттийта а хаьара цунна. Тракториста я муьлххачу белхалочо шуьне кхайкхича, царна, моттаргIанашца къежа а къежаш, хIума кхалларан сурт хIоттадора. Церан якъаеллачу кIолдах   а, ахьаран сискалх а йоккхий, жимма хIума кхоллура. Бакъду, цIа веъча, щеткиций, порошокаций вехха цергаш юьлуш-м Iapa. Районехь миччахь даьлча а, тезета ца воьдуш а, кадам ца беш а ца Iapa. Масане хIилланаш а, къайленаш а яра 25 шарахь хьалхарчу секретаран балхахь латтавеллачу Саврневн.
Асмаъ Джалиловна дуьххьала чугIертара.
Цкъа партин райкоман бюрохь райисполкоман председатели, гIаддайна, къамел дора нахана кIотарш а, шайн дай баьхна ломара кегийра (хиндерг доцу) ярташ а дIатаса лууш цахиларх лаьцна.
Оцу адамашна юкъара ша схьаваьлла хиларе терра, райиспол¬коман председательна девзара оцу нахехь долу хьелаш, цара, межарг баккха гIерташ, хьоьгу къа, цу тIе, районо пачхьалкхана духкучух нийсса ах жижиг, шура оцу кIотарашкарчу а, ярташкарчу а наха юхкуш хилар. Председательна дагахь дара цу ярташна а, кIотарашна а тIе даккхий некъаш дахкар, электросерло йигар, цигара кхелхина дIабахана нах бухаберзор.

И дан дезий хаьара. Амма кхайкхамечу хрущевски кампании инзаре буьрса, къиза хьаьтт яра юьртана, цуьнан гIиллакхашна, рицкъа гулдаран бIешерийн зеделлачунна, цуьнан лазамна тIе хьаьдда йогIуш ерг. Оццул деха хиллачу кхойтта шарахь шаьш сатийсинчу меттигашка гIоьртинера нах, лаьттана, кIотаршна, ирзешна чу садаийта буьйлабеллера уьш. Оцу меттигашкахь ма дитина вopxIe дайша шайн кешнаш. Оцу меттигех дIахаьдча, цхьа а тайпа некъ боцуш санна хетара нахана маьрша ваха а, Iен а.

Лекхачу лаьмнашкахь деккъа цхьа цIенош хилла ца Iapa адамийн. И цIенош тIедузуш, цаьрца билггала цхьа зIе хотталуш бара xIopa лам, гу, жима ахк, шовда, Iин, хьуьнан хоте — уьш оцу цIий¬нан цхьацца дакъош дара, шайн билггала маьIна а лелош. Буьйса яккха бен цIийнан тхов кIел ца вогIу ламаро. Дерриге а кхидерг ду цуьнан цIа. Дахаран ерриге хенахь дукхачу хьолахь ваха а цигахь веха иза, болх а цигахь бо. Мичахь, стенгахь далур ду ишта цIа? Кхузахь малх, бутт, седарчий башха ду аренца а, херонехь а долчел. Казахстанан мецачу гарманан аренашкахь долчел...

Куьцехь, андий цIенош доттар, коьрта хилла ца Iаш, уггаре коьрта гIуллакх хилла цигахь андий а, дика а, йовха а цхьа шатайпа жоьлаш яр. Дукхахьолахь уьш лаьтта бухахь еш хилла. Ло¬ман басахь дуьххьара долийра даккхий тIулган когаш дотта, ши метр хиллал лекха. Ткъа цул тIаьхьа царна тIе экъанаш нисйора, оцу экъанех хуьлура шерра тхов, тIаккха цунна тIе латта хьокхура. Оцу кеппара 20—30 бIогIама тIехь йора эзар уьстагIа чу тарбаллал  барамехь  жоьла.

Амма хIинца, и дерриге дIа а тесна, нах аренга кхалхо беза, сихха отчет яла еза Грозне. Ткъа Грозный — Москвага.
Хала дара райисполкоман председательна бюрохь къамел дан. Дерриге дIаала а ца хIуттура. Нахана-м хаьара, цо хIун ала дезара а, и ала цуьнан йиш хIунда яцара а.
Амма кхузахь идеолог Асмаъ Джалиловна юкъаиккхира:

— Вайна хьалха хаа деза, и нах цигахь сецориг хIун ду, цунах
кхета деза. ТIаккха и дIадаккха а хала хир дац. ТIаккха, шайна
яла хIума ца хилча, нах шаьш аренга охьакхелхар бу. Иза а ца
хаьа шуна? — цецъюьйлура зуда. — Суна хетарехь, уьш сецориг
и гирзаш девлла боьха уьстагIий ду. Царна хIумма а ца оьшу,
уьстагIий а, гезарий а бен. Исбаьхьаллин самодеятельность а, клуб
а, больница а, берашна хаарш а, хIумма а ца оьшу оцу нахана, и
уьстагIий хилчахьана! — оьгIазъоьхуш чуьрайийла йолаелира
иза. — Церан хIун ду керлачу социалистически дахарца? Оцу си¬лачу лаьмнашкахула патриархальщина а яржийна!

«Патриархальщина» боху дош цхьана областной лекторо, олуш хезнера Асмаъ Джалиловнина. Цунна и дош хазахийтира, цуьнца Iилма хаалуш хиларна а, дукхахболчарна цуьнан маьIна хIун ду цахаарна а «Коммунизм» олучу дашнаша юххе мел ца дуьтуш долу хIума а оцу дашна юкъа дуьллура цо. Цу тайппана шина декъе декъаделлера цуьнан кхетамехь дуьне а, дахар а; цхьана агIор-патриархальщина, вукху агIор — коммунизм. Цул совнаха, Асмаъ Джалиловнас «патриархальщина» боху дош буьйцучу маттахь лега а ца лоьгура. Иза легалуш дуй а ца хаьара цунна.

— Оцу нехан жоьлаш а, цIенош а аьтта дIадахийта деза! ТIак¬кха цигахь даьхний кхаба а, чохь Iан а меттиг хир яц царна, шаьш:
бовдур бу! Ца кхета шу сох — шен дагара хаийтира цо, цу киртигехь и Iаламат хьекъале хIума хиларх тешна а яра иза.
Массо а вист ца хуьлуш, тийна Iapa.

— Реза дац шу ас бохучунна? — даггара цецъелира Асмаъ Джалиловна. — Шуна-м хIумма а ца хаьа! Жоьла йоцуш висча, Iай жаIуьно ломахь дан хIума доций ца хаьа шуна! Шуна ца хаьа,  шаьш цкъа а уьстагIий ца лелийна дела. Суна хаьа, ас дукха дажийна уьш. Со нохчийн йоIарех дуьххьара жаIу хилларг ю. Диц-м, ца  делла  шуна?!
— Дуьйцийла йоццуш, бакълуьйш ю хьо, — меллаша элира юххехь хиъна волчу цхьамма-м. — ХIинца а уьш дажош елахьара,   пайда   алсамхо  хир  бара.
Амма Асмана иза ца хезира. Цунна кхин дагадеара:

— Суна хаьа, xIapa хIун ду. Цхьаволчунна партийни принци¬пиальность цатоар ду. И ю ерриге а къайле. Принципиальность цатоар ду, оцу накъостан гергара нах оцу ламарошна юкъахь бисина  хилар ду.
Оцу дешнашна тIехула дала тарлуш долу дов сацорхьама, кхиэл еш, Мухарбек Мунашевич юкъаиккхира:
— Сан предложени ю: ломара бахархой аренга кхалхор чекх-даллалц Хумпарова, уполномоченни йина, лома хьалаяхийтар. Бюрон членех реза воцуш цхьа а вуй?
— ХIан-хIа, — жоп делира бюрон членаца. Масех стага доккха садаьккхира, цхьаболчара — кочара бала дIаболуш, вукхара — оьгIазло Iаьткъина.

Оцу шерашкахь Асмаъ Джалиловнас, цул хьалха а секретаран балхахь йолуш дина гIуллакхаш санна, хIинца шегара даьлларг Iаламат  мехала хIума долуш санна, дагалоьцура ламанхой ша аренга охьаховшор. Кхуьнан гIуллакхаллин уггаре «мехала» агIо яра иза. Цунна хета а хетара. Кхиамца дIаехьначу оцу кам¬панис иза шен ницкъех тешийра, ша-шега болу лерам хьалабаьккхира. Куьйгаллехь xIapa а йолуш тIеман арахь шуьйрра дIаехьначу операцих тера яра иза. Цу шерийн идейно-пропагандистски хIуонаца дика цхьаьнадогIура иза. ХIетахьлера кинофильмаш а, книгаш а хуьлура тIема ницкъех а, баккхийчу толамех а лаьцна. Уьш хуьлура халкъан бахамехь юьхьарлаьцначу Iаламат яккхийчу Iалашонех а, боламех а юьзна а.

XIapa реза ца хуьлуш нисделла кег-мерса кхачамбацарш а дара. Амма уьш хIун яра партин райкоман бюрон тIедиллар кхиам¬ца кхочушдаре хьаьжча?
Лекхачу лаьмнашкара Макажойн мохк — нохчийн доккха дакъачIебарлой кхаьбна, хене баьхна латта дара. МостагIех ларбина ца Iаш, лаьмнаша къилбаседера хьоькхучу шийлачу мехех лардина а дара кхузара адамаш. УьстагIилелорна Iаламат бегIийла мохк бара иза, хIунда аьлча, Iай а маьлхан басошкахь жа дажадойла яра.

Хала дара ялтица. Амма адамаша лаьмнийн басеш, ялташ кхиорна хьелаш кхуллуш, тойира. Куьйга тIулгаш схьа а лехьош, щхьаццанхьара латта а дохьуш, тIе-кIел ламеш санна, терхеш йина дIахIиттийра цара лаьмнийн йист йоцу басеш. Царах кхуза кхаьчнарг хIинца а цецволу. Оццул беркате долчу шайн лаьттара чIебарлой дIабахалург хир бацара, сибрехахь кхойтта шо даккхар бахьанехь цунах жимма херабевлла ца хиллехь. Кегийрхошна аттачу дахаран чам бевзинера, гинера гIаларчу нехан атта бахар. Ткъа баккхийчарна шаьш юьртах дахар боккха бохам а, лазам а бара.

Стенна делахь а, Баьчча цIе хилла цхьа воккха стаг дагахь висинера Асмаъ Джалиловнина, баьччех а, я тхьамдех а цуьрриг а иза тера ца хиллехь а. Сира маж а йолуш, къоначу стеган санна, цIен беснеш а, горга, жима юьхь-марш а долуш вара иза. Арахь йовха хилча а, шийла хилча а, бен а доцуш, муьжгийн этгаш а, басаяьлла сира плащ а хуьлура цунна тIехь. Пхи шо хьалха, ша юьрта цIа ма-кхеччи, кхоъ жий эцнера цо. Уьш деба а дебна, ткъех коьртал а совдаьллера.

Берриге доьзал, байна а, белла а, хIал-лакьхиллера воккхачу стеган. Хьегначу халонаша, гинчу вонаша заьIапвина, вирзира иза шен дай баьхначу, ша винчу махка, дуьх-хьалдIа, велча, оцу лаьттахь дIаволлийтар Iалашо а йолуш. Амма уьстагIаша верз-верзо-ош дахаре вухаверзо волийра. Ирахь дакъалуш долчу диттана шен хьагделлачу орамашна лилхинчу лаьттан, тIулгийн хершнаш чухула тIе кхочу мелчу   догIанан   хи санна, шен бала хьегначу сих йовхо етталуш хийтира цунна оцу дахаро.

— Ма кIордийна суна хьо, воккха стаг! ДIаволу хьо кхузара я ца волу?! — бохуш, юха а иза юьртсоветан неIарехь гича, мохь хьийкхира цунна тIе райкоман секретара.
Тахана ламанхойн цIенош а, жоьлаш а йохо хьалакхача езаш бульдозер яра. Цкъа а цхьанна а тIе мохь хьоькхуш Iедал дацара Баьччин. Ша чIогIа холчухIоьттича, куьйгаш а дегош, маттана тийсавала волалора иза.

— Хь-хь-хьанна новкъарло йо ас? Хьанна н-новкъарло... Сан-м я доьзал а, говр а яц, цхьа;на ву со, берда йистехь Iуьллу тIулг санна. Муьлххачо жимма дIаттаттахь а, и бердах баха кийчча бу. Витийша со сайн тIаьххьара декъаза хан яккха, со ишта а лийр ву шуна. Со-м цIа а валаран дуьхьа в-веана. Везчу Делан дуьхьа вита со кхузахь! — дехарш дора воккхачу стага. Цо дехарш мел ден, карзахъюьйлура Асмаъ Джалиловна. ТIаьхьара ца болу гуьйренан моза санна, коча веана воккха стаг гуттаренна а кочара ваккхархьама, цуьнга дог дуьллуьйтуш ала дош лоьхура цо.

— Ас дуй буу-кха шуна, шун кхузахь олуш ма-хиллара, Шемала шен нанна дешначу КъорIанор, дуьсур дац кхузахь цхьа ина-са, суна чохь са мел ду а, сан кисанахь партийни билет мел ду а! Цхьа а ина-са! Хезий хьуна! Хезий шуна! — мохь хьоькхура юьртсоветана хьалхахь и нах оцу балех баха цхьа а вацарх тешначу зудчо.
Асмаъ Джалиловница  Баьччин тIаьххьара хилла къамел иштта дара:

— Сайн къена цIийнанана, баккхийхилла кIант а, йоI а дIабоьхкича, цхьаъ бен воцу сан жимах волу ваша тIамтIехь хIаллакьхилла, аьлла х-хабар кхаьчча, комендантах сан хьаша хилира. Оццул луьра, къинхетам боцуш, шел боьха стаг кхин хир воцуш волу иза со волчу чу вогIура, хьал-де хоттура, сан ерг кхоллура, шен йолчун дакъа дора, къинхетам бара цуьнгахь... Керста, оьрсийн стаг. Ткъа хьо хIунда ю соьца оццул къ-къинхетам боцуш? Со сайн лаьтта тIехь вен хIунда гIерта хь-хьо? ГIо даккхахьа соьгахьа, дукхаяхарг! Хьайн Делан дуьхьа йита суна чуваха цхьа тоьла, цхьа жима жоьла, ма хIаллакдехьа и дерриге а оццул къ-къ-къинхетамза!

— И гуш ца мега-кх со! Хезаш ца мега-кх со! Ма кIордийна-кх суна иза! ДIаваккхийша иза суна хьалхара цкъа а ца гучче! — милиционершна а, юьртдена а, воккхачу стагана а тIе мохь хьоь¬кхура Асмаъ Джалиловнас.
Бульдозеран уьрсе хIумма а ца даделча, жоьлийн тIулган бIогIамаш, беха трос а туьйсуш, кегдеш, херцадора. Оцу балхо, догIмаш кIаддина ца Iаш, адамийн дегнаш лазадора. Цхьана хIумано, шайн бен а бохош, кегий кIорнеш аракхуьйсучу тIекхаьчна олхазарш санна, дан амал доцуш, боьхна гонаха хьийзара ламанхой.

Цхьана жимчу отина хьалха Iадийна лаьттара кхин цхъа къена  йоккха стаг. Иза халла бен йола а ца лора, йист а ца хилалора. Иза а яра, шен бераш а, берийн бераш а Казахстанан арахь дIа а доьхкина, яла цIа еана. Оццул къанъелла, бIенал сов долчу шераша букара таIийна йолу ша Iадда а йитина, Дала массо а дIаоьцуш хиларх цецъюьйлура иза.
— Юьстахъяккха иза. Араэца оцу оти чуьра цуьнан сал-пал. Гергарнаш а лахий, шайна луъучу дIайигийта, — тIеегалора упол-номоченни.
— Цуьнан бан-м бац гергарнаш. Массо а велла. Ас хIун дан деза цунна? — гIаддайна куьйгаш лестадора юьртдас.

— Шайга дIайига! Шаьш доьлххуче дIаюьгур ю ахь! — оцу «кIеззигчу» хIумано ша арадаьккхинчу Iаламат доккхачу гIулла-кхана новкъарло ян декхар доций дIахоуьйтуш, доцца хадийра секретара. Амма йоккхачу стагах цхьанна а бала ца хилира. Цуь¬нан дехарш Далла хезча санна, иза, Iуьйренга а ца йолуш, елира.

Ерриге кIотарш аьтта дIа а яхийтина, адамаш шийлачу, адам
доцчу мецачу аренга дIакхалхийтинчул тIаьхьа бен цIа ца йирзира Асмаъ Джалиловна. Амма цхьа стаг къар ца велира. Иза
Баьчча вара. Шен оти а, гIота а йохийначул тIаьхьа цхьана хьеха
кхелхинера иза. УьстагIий дIа а доьхкина, лург буо-берашна делла,
масех газа а эцна, шен жIаьлица дIаваханера иза. Иза цкъа нахана дагара волура, тIаккха коьртах волура. ХIетахь милиционер
хиллачу цхьана пенсионеро хьастаха дуьхьалкхеттачохь хьахийра
иза Асмаэ:

— Вайга, хIуъа дарх а, кхелхина ца вигавелла Баьчча дагавогIий хьуна?
— ВогIу.
— Иза кхетамна дика ца хиллера. Дукха хан йоццуш дурдомехь ву, бохура, иза. Хьа-хьа-хьа!
— Иза семанна тIехь воций-м суна хIеттахьехь а хаьара.

* * *

Шен бIаьрзе денда веллачул тIаьхьа комендатуро доза тоьхначу юьртахь а, цунна гондIахьа а, маьрша гIалгIазакхи санна, шен лаамехь висира Дикваха. Оцу дозанал арахьа ваьллачунна диллина таIзарчохь яккха пхийтта шо хан тохар дара. ДIалаьллина бежана оцу дозанал дехьа долуш, жимчу хе долий, юьстахарчу цанашлахь дажа хIуттуш меттигаш йогIура. Нохчийн бакъо яцара шайн етт я шинара гена лалла. XIopa ша мел яьккхинчохь а комендантана луъург хуьлура. Цунна луъучу агIор дIабоьрзур бара нохчашна тIеIитталун бохамаш.
Дикваха-м цунна шовзткъе доьалгIачу шарахь дуьйна, хууш ма-хиллара, бIаьрга ван ца везара.

ХIинца дIадоьдург 48-гIа шо дара. Оцу деа шарахь дуккха а хIума хийцаделлера бохийна балийначеран дахарехь. ТIамтIера иттех стаг цIа вирзира. ХIинца мацалла баларан кхерам адамашна жимма бухабелира. Дийна вис-висинарг цхьаццанхьа балха тасавелира, жимма бедар-хIума а хийцаелира. Нохчий бандиташ, къуй бу, адамаш дайар а, даар а царна хIумма а ца хета, бохуш, бухахь дехаш хилла къам цецдаьккхинчу хенахь санна    дацара хIинца.
Дикваха оцу хенахь вуьрхIитта шо кхаьчна онда жима стаг вара. Колхозехь прицепщикан болх беш вара иза.
Диквахин а, Асмаан а юкъаметтиг хIинца вовшийн ца гича сагатлучу яьллера, вовшех ийнера и шиъ. Асмаана хIинца эхь хетара, шен нийсархошна санна, тIеюха коч а, бедарш а ца оьцуш, хIинца а ша гезаршка лоьлуьйтуш. Кхуо лелориг лелош цу кIоштахь а цхьа а йоI яцара. Эхь а хетара, кхера а кхоьрура Диквахас шеца долу доттагIалла дIатасарна. Цуьнан ойла кхечуьнгахьа ерзарна.
Шаьшшиъ шаьш диссича, Диквахас а, Асмаа а цкъа а тIехдаьлла, кIоргера хIуманаш ца дуьйцура. Диъ шо хьалха а санна, цIена яра церан ойланаш. Амма цхьа суьйре дагаеъча, эхь хетара. И суьйре йицлуш яцара, даг чуьра ца йолура, вовшашка цуьнан хьокъехь олуш хIумма а ца хиллехь а.

Оцу сарахь шаьшшиннан дагара дуьйцуш, ойланаш еш Iapa и шиъ:
— Дикваха, хIинца даймахка цIа ваха бакъо елча, хIун дийр дара ахь?
— Хьо а... аьлча а, шун цхьа а буха а витина со цхьанххьа а гIур-м вацара.
— Хилийтахьа тIаккха вай дерриге а цхьаьний дIадоьлхуш.
— Тхан воккхачу стеган жимо кIотар ю цигахь йисина. И йолчу меттигашкахь дукха стоьмийн дитташ ду. Ас шовданна юххехь керла цIа дийр дара. Кхин а дуккха а Iежаш, кхораш, хьайбанаш, бIараш дуьйгIур дара. Ша бIарзвалале воккхачу стага стоьмаш тIебийгIа Iамийна суна. Цу ирзенна гонаха мел болу стом тIебуьйр бара аса.
— Кхин?

— КхидIа уьстагIий долор дара. ХIокху поселкера бахархой xIopa аьхка хьошалгIа а кхуьйкхуш, цхьацца уьстагI буьйр бара. Царна и тхан мохк гойтур бара: лаьмнех, Iаннех, шовданех, стоь¬мийн бошмех цецбохур бара. ХIокхарна вай акхарой доций хаийта.
— Кхин?
— КхидIа жима бекъа оьцур яра, цунах чехка, онда дин, кхиийта.
Уггаре хьалха лаьмнийн луо лепачу баххьашка хьалавер вара. ДагадогIий хьуна, вайн юьртара къилбехьа хьаьжча, даима а, дети санна, кIайн лепа церан баххьаш?
— ДогIа. Мархашна юххехь, оццул ира.
— Воккхачу стага дуьйцура, царна. тIехьахь вайн дай баьхна латта ду, бохуш. Цигахь лекха тIулган бIаьвнаш ю. Маьлхан кешнийн   дийнна    гIаланаш     а     ю.    Хезний   хьуна   царах   лаьцна дуьйцуш?

— Ца хезна. Муха хуьлу уьш?
— Хьалха вайн дайша адамаш лаьттах духкуш ца хилла, тIулгийн яккхийчу гIишлошна чу духкуш хилла. И тайна гIишлош xIopa тайпанан а шен-шен хилла. Воккхачу стага, шена гина, бохуш, дуьйцура, цу чохь адамийн дакъаделла декъий.
— Ма кхераме а ду...
—Оцу бIаьвнашна а, маьлхан кешнашна а чохь къайле дIадехкина тептарш ду, шайна тIехь яьккхий къайленаш а йолуш. Уьш дешначух нахана бан пайда а болуш, хIума хуу, къайленаш евза стаг, эвлаяъ хуьлу.
— Тептарш хIун ю, Дикваха?
— Тептарш — уьш Iаьрбан йозанца вайн маттахь язйина яккхий книжканаш ю. Цундела воккхачу стага Iаьрбан йоза Iамадора суна гуттара а.
— Хьуна Iаьрбан маттахь деша хаьа?
— Хаьа дера! Лаьий хьуна ас кхана цхьа книжка ян?
— Лаьа!
— Цхьаьнгге а цуьнах лаьцна дийца мегар дан хьуна. И бахьнехь тоьпаш тоха а мегаш ду.
— ХIунда?

— Цу тIехь Аллахь-Дела хьахийна ву...
— Кхин а хIун дийр дара ахь, Дикваха, цIа даха бакъо елча?
— Ас дийр доцуш хIун дара! Ма паргIатехь, ирс долуш стаг хир вара со! Сайн динца дерриге лаьмнаш, Iаннаш толлур яра! Даймахке массо агIор а бIаьрг тухур бара. XIopa шовда, некъан тача, xIopa Iин довза хьожур вара. Уггаре боккхачу некъана йисттехь вайн кхузахь мел беллачарна чарташ дуьйгIур дара.
Дикваха а, Асмаъ а дIатийра. Хаалуш дара кIентан жоьпех йоIана кхоччуш тоам хилла цахилар.

Жимма Iийча, бIаьргаш серла а бовлуш, цIийлуш, шуьнан хьесапе бахначу бузучу малхе дIа а хьожуш, цо юха а хаьттира:
— Кхин хIун дийр дара ахь, Дикваха?
— Э, маржа яI, цкъа тIекхочур делара и де! — карзахвелира Дикваха. — XIopa дийнахь а цомгуш, цхьалха болчу нахана, буоберашна тIе а оьхуш, ас хоьттур дара: «ХIун оьшу шуна? Ас хIун дича бакъахьа хир дара?» Сайга даллург царна гIо а дийр дара. Со xIopa белхех, xIopa ловзаргахь хир вара. XIopa хIусаме а сайн чу вогIуш санна гIур вара со!
Ший а соцунгIа хилла Iийра. Асмаана, хIуъа делахь а, уггаре коьрта дерг хаза лаьара цуьнан дешнашкахь. «Цо хIунда ца олуте иза? — бохуш, холчухIуьттура йоI, — Ша дан лаьа-те цунна и дерриге а гIуллакхаш? Диквахас тIетуьйхира:
— Кхин хIун дийр дара, хаьий хьуна, ас. Асмаъ?
— ХIун?

— Нохчийчохь уггаре йоккха кIайн экъа а лехна, иза кху сибарехахь бехк боцуш хIаллакьхиллачарна уггаре хазчу метте чуьртана юагIур яра-кх. ХIокху чаккхе йоцчу аренашкахь, эггачу некъан бохалла кешнаш а доцуш байначарна хIолламаш хIиттор дара.
— Массо хIуманна тIехь a гIo деш со а хир яра хьуна, Дик¬ваха…
Садайнера. ДIадаха дезара. Асмаан гезарий шаьш цIехьа йирзинера. Амма йоI хиъна Iapa. Къамел чекхдаьлла цахилар хаалора цунна, хьалххе дуьйна шена хаза лиънарг доттагIчо аларе сатуьйсура. Амма кIант вист ца хуьлуш Iapa, суьйренан бодашка а хьоьжуш, шен ойланехь ша хIинцца дийцинарш а деш.

— Со йиц-м лур яц хьуна, Дикваха? — гIийлла хаьттира Асмаа.
— И хIун ду? Муха-йиц?! — цецвелира кIант, эццигехь, шен йиша йолуш санна, и мара юллуш, цуьнан оза белшаш шен некха тIе озийра. Балдаш цуьнан месех хьакхаделира. ХIинццалц евзина йоцу цхьа тамашийна марзо хааелча, кIентан балдаш шашаха, шершина, цуьнан беснешна, тIе кхечира...
Ший а кхераделира. Цхьа хила йиш йоцу хIума хилча санна, Iадийна дисира ший а. Вовшашка хIумма а ала а ца даьхьира. Асмаъ сихха шен гезаршна тIаьхьакхиира. «Асмаъ! Асмаъ!» — аьлла шозза-кхузза кхайкхира Дикваха. Важа юха ца хьаьжира.

*    *    *

Асмаъ Джалиловнина дика хаьара Мухарбек Мунашевичан зудчунна ша хаза а, къона а, шен майрачунна юххехь балхахьа хиларан бахьанехь бIаьрга ян езаш йоцийла. БIаьрга ян ца езара, наха дуьйцучу эладитанех ша тешаш яцахь а. Цундела и дика хууш йолу Асмаъ оцу зудчун собарх цецъюьйлура. ХIоразза а цхьана хIуманан ойла йора: «Со-м Iалур яцара иштта», «Чуьра ца йолуьйтуш и стен сецайо-те? — бохуш, холчухIуьттуш, ша-шега хеттарш дора. — Майрачух кхераро? Я амал кIеда хиларо? ХIан-xIa, ишта стаг яц хьаьрса месаш йолу Рукъет!»

Асмаъ Джалиловнина ца хаьара, ***йла а дацара шен белхан лакхенашка болу некъ болалучу юьххьехь зудчунний, майрачунний юккъехь ишта къамел хиллийла:
— Хьайх ерриг а район елош ю ахь. Хьайн райкомехь къайлах
езар ю, боху, хьан. Гена гIур вуй-те хьо, ишта йоккхуш цIе а йо¬луш? — дIадолийра Рукъета.

— Хьуна a, хIокху районерчу хабарчашна а ма-моттара Iовдал
а вац со, — котаман гIoгI а кхоллуш, цуьрриг шек воцуш жоп делира Мухарбек Мунашевича.
— Иза бакъ дац, ала воллу хьо?
— Цхьадерг бакъ ду, цхьадерг бакъ дац.
— ХIун хилла-а-а?!! — сел эхь доцуш эвхьазцаьллачу майрачун тиллачу коьрта тIе хIинцца кхехкийначу котаман чорпа йоттал гатъелла хьаьвзира Рукъет.
— Суна хаьара, зуда, мацца долийна а, ахь xIapa хабар долор дуйла. Хаьара, ас хьуо ца кхетаяхь, оцу гIуллакхан духе хьо кхочур йоцийла а.
— Стенах кхето воллура хьо?!!
— ГIовгIа ма ехьа, хIай Iовдал. Цулле а ладогIал ахь цкъа хьалха. Муьлх-муьлха хьаькам а вац ахчанца эцалуш. Цхьатера дац адамаш. Коьртера когашка кхаччалц деших воттахь а, шена хетачунна тIера ца волуш верг а нисло... И тайпа хьаша ас сайн хьамсарчу Асмаъ Джалиловне кхачаво... Дала яхйойла цуьнан къоналла а, хазалла а...
Муьлххачу хIуманна тIехьа кIелхьарвала хьекъал кхачарна а, нахана тIехь шена луъург лелон хьуьнар хиларна а, шераш мел довлу, шен майрачух бIаьрг буьзна йгIурa Рукъет. Цундела цо дийцинчух оцу сохьта тийшира иза. Къизчу ницкъаца ша хьаьшна, хIаллакьйина дIаяккха дагна тIе базбелла бала хIинца дIа а баьлла, паргIатъелира иза. Юьхь а меттаеара.

— И тайпа болх цо хаза а хеташ бийр бу хьуна. И бан цуьнан хьекъал а кхочур ду хьуна, — реза хиларца элира зудчо, ткъа Мухарбек Мунашевич-м шен дагахь воьлура, бIаьргаш чохь а, юьхьа тIехь а шен дагара ца хаийта а гIерташ. Ишта велар балха тIехь а амале дирзина догIура цуьнан.
— Цу тIехь хьо Iалур ву аьлла-м яц хьуна со.
— Дитал, зуда. Iехавелча-м хьаха яра и сан коьрта тIе хуур. Суна бIаьрга ян ца еза иза. Теша мегар дукх хьуна. Хьекъал долчу нахана дика хаа а хаьа со оццул Iовдал воций. Iовдалчаьрга дийцийта. Царна  дехкалур дац.
Рукъет шек-м яра оцу дешнех. Амма йоккхаерца тIеийцира цо уьш. ХIуъа нисделча а, оццул вочу агIор йийцина йолу иза майрачо цIентIе яланойла дацара. Дерриге а ишта дика дIадоьрзурхиларе дог а ца даьхнера Рукъета.
Савриев-м, ма-дарра дийцича, хьалхачул а доггах тIегIертара Асмаана. Сих-сиха цуьнца меттахь хила лаьара. Хьалха, и сов-партшколехь доьшуш йолчу хенахь, дага а ца йогIура, ткъа хIинца юххерчу кабинета чохь йолчу цунна тIера ойла ца йолура, Iа ца лора сих-сиха цуьнца юкъаметтигаш ца лехча.

Приемни чохь, йолчу секретаршина дика хаьара, хьалхарниг волчу чу Асмаъ Джалиловна яханехь, дуьненахь а оцу чу цхьа а вахийта мегарг цахилар.
Шен зуда лееш дийцинчо цхьана хIуманна тIехь боккъалла а гIo дира Савриевна. ХIаллакьхуьлучуьра кIелхьараваьккхира.

КхузткъалгIа шераш юккъе даханчу заманахь, июль беттан юккъехь, дара иза.
Нехан арз талларан Iалашонца районе веанера центральни газетан корреспондент. Ондда дуьхьалдевллачу адамийн дийнна тобано яздина дара иза. Арз яздинчара майрра хаттар хIоттийнера: бакъ ду я дац районерчу хьаькамаша, нахах а, Iедалх а лечкъа а деш, бруцеллез цамгар йолчу дохнан жижиг а, шура а пачхьалкхана план кхочушъяран чоьтах духкуш хилар?

Кхул хьалха а, и арз толлуш, кхузахь хилла, дIаяханера шинхьара яьхкина лаккхара комиссеш. Амма хуучара дуьйцура шина а комиссис кхерабеллачу председательшкара дикка хIума яьккхина хилар. «И берриг а тIурт лелабойтуш верг хьалхара секретарь ву, — бохура арза тIехь, — хIунда аьлча, лакхахь болчара цуьнгара планаш кхочушъяран терахьаш бен ца доьху. Цомгуш даьхний, брак дина, юкъара дIадаьхча, планаш юкъахъер ю».
Ша хьажа а хьожуш, бежанийн лоьрашка цIий а даккхийтина, иза Москва талла дIадахьа дагахь хьаьвзира корреспондент. ТIак-кха духура дерриге а. Цуьнга дойтийла яцара Савриевн.

Корреспондентан леларехь гуш дара цунна кхаъ бала гIортар кхераме гIуллакх хилар. Шуьнехь а оьздангаллех ца вухуш вара хьаша. Шашлыкаш аьттехьа а ца яийтира. «XIa-а, кхеташ ду. Шортта кисана хIума еза», — бохуш хьаьвзира Савриевна предсе¬дательш. Хьалхарниг реза ца хилира: «Даго хьоьху суна и дан мегар дацар, Даьхьар дац. ХIуъа делахь а, кхин хIума дагадаийта деза». Цунна дага а деара.
– Тхан даьхний дерриге а хIинца ломахь ду, — корреспондентана лерина къежара Мухарбек Мунашевич. — Кхана Iуьйранна, говраш а яьхна, палаткаш а эцна, хьалагIур ду вай. Бакъдерг аьл¬ча, дикка хан ю со суо а цигахь хилаза. Адамех а кхеташ, цанашкарчу баце а хьожуш хIума дан деза.

— Дика ду. Бежанийн лоьрашка, шайца алссам пробиркаш я, элалахь. Турист лела веана ма вац со, болх бан веана ву.
— Ву-те! Дера ву!
Оццу сарахь Асмааца къамел дира Савриевс.
— Асмаъ, кхана цхьана-шина денна лома яха кечам белахь.
— ХIунда?
— Со кIелхьараваккха веза ахь. Хьан карахь ду хIинца дер¬риге а.
— ХIун хилла?
— Со, балхара дIаваьккхина ца Iаш, таIIийна чуволла а мегаш ду.
— «Чуволла-а?» ХIун дина аьлла?
— Со цхьаъ бен ца хилча-м хала а дацара... Хийла бехк боцуш берш а хьовзор бу.
— Ас хIун дан деза? — хаьттира Асмаа, хIуъа дан а ша кийча хилар Мухарбекана хаийта а гIоьртуш.
— Хьала говрашкахь девр ду вай. Спортивки духар хила деза,
Амма эццахь тIеюха хьайн цIен готта, йоца коч схьаэцалахь. Бесар-подарех хIуманаш а. Цхьана муьжгичунна хазахета езаш ю хьо.
— Хьанна?!
— Корреспондентана.
— ХIунда?
— Иза жимма бертаваийта.
— Ахь хIун дуьйцу, Мухарбек? Хьо кхоьруш ца хуьлу, цхьаъ лерина соьга хьаьжча а?
— Кхузахь дерг кхин ду. Кхузахь ас айсса доьху-кх хьоьга!
— Дика ду. Ахь аьллачу aгIop дерриге а дийр ду ас, — эхь хет¬та суртххIоттийра цо эххара а.

Лаьмнашкахь бес-бесарчу бецийн куз баьржинера. Аьхкенан малхо йохйинчу бецаша, шайн хьожа етташ, дегI дахадора. Кондарийн IиндагIашкахь декачу лаьмнийн шовданаша аьхна еттачу шелоно, дерриге диц а дина, оцу баца дIавижа дог доуьйтура.
Оццул хазчу метте хIоттийнера четар.
Маршонехь челакхдевллачу бежанийм цIин даккхар атта гIуллакх ца хиллера. Амма корреспондент шеннг дан гIерташ бен ца Iapa. Мухарбек Мунашевича, дуьххьалдIа дикка мацвалийтархьама, хIума кхалла тIе ца кхойкхуьйтура иза. Цул тIаьхьа, хIума кхаллале, къаьркъа малорхьама. Дерриге а гал ца долуьйтуш, ле¬рина деш дара.
ТIаьххьара а, суьйре хуьлуш    кечдира шун.    Аьлча а    цхьана шаршу тIе охьабиллира кхача, даарш-маларш.

Мацах туьйрапаль  йийцинчу шаршуна гIенах а ца гун долу.
Мухарбек Мунашевич паргIат а, даггара а лела ваьллера. Иза чIогIа реза хилар хаалора цуьнан ишта гарехь. Генара веанчу хьешана ца хаьара шел лакхарчарна хьалхахь кхера Iемина, хьеставала Iемина   волчу хьаькамо шен кхерар ишта лачкъош дуйла.
— ЭхI, хIокху шарахь хилла буц! Ма докъарш а кечдийр ду-кх вай хIокху шарахь! — бохуш, юьхь-юьхьана долу къамел дора хьалхарчу секретаре, председательш а, бежанийн лоьраш а шаин дагахь шех буьйлуш хир буй хуъушехь. Буц-м стохкачул даладел-ла кхиъна яц. Цу тIе а, кIотарш йохийчахьана, дассаделлачу лаьмнашкахь, хьалха хьокхучул ах а ца хьокхура йол. Шен самукъадолуш хилар цхьана бахьаница дIадоза лаьара хьалхарчу секре тарана. Цу тIехуланий кхуламе хьаша суьйренан пхьуьйраиа тIе-верзорхьама.

— О, масане хуьлу! ХIан-хIа, накъостип, ас мер дац шуна. Мегар делахь, суна лимонад ло аш, — Асмаэ кIайн ховха гата дIа а кховдош, вистхилира корреспондент. Массо а Савриевга хьуьйсура. Цуьнах къахетар гойтучу бIаьргашна. Амма хьалхарниг шеквер волуш вацара. Цо массарна а кедаш доьтгира. Цхьана минотехь гергга, ойлане вахна, соцунгIа а хилла, лерина, кIорггера дуьненан ойла ен сурт а хIоттийна, цхьа бала буьйцучу артистах шен аз а тардеш, дIадолийра цо:

ДоттагIий, гонаха бIаьрг тохийша! Хьовсийша хIокху лаьмнашка, хIокху бецашка, хIокху шовдане, хIокху мархашка... Эзарнаш, эзарнаш нохчий а, гIалгIай а белла цIера арабаьхначу хенахь, Iожалла тIекхачале цкъа кхаьрга бIаьрг тоха сатуьйсуш!
Оццул лерина, таIIийна аьллачу цу дешнаша корреспондентал а цецбаьхнера меттигера накъостий. 1957-чу шарахь дуьйна (автономи юхаметтахIоттийчахьана) дезткъалгIачу шерийн чаккхенехь Горбачевн перестройки тIе кхаччалц, халкъ дохийна, аьлла дош ала мегаш дацара, коммунистически дIахIоттамна дуьхьала талор а, Iаламат йоккха национализм а лорура иза. Ткъа кхузахь и кхераме къамелаш, Москвара чIогIа кхераме хьаша а волчохь, дуьйнург ша хьалхара секретарь ву-кх...

Мухарбек Мунашевича кхидIа а дIахьедора:
— Масане бара уьш — тоьлла кIентий, яхь йолу мехкарин,
хьекъале къаной, дог кIеда наной, — Сталина а, Берияс а бехк а
боцуш хIаллакбина.
Хоьвсийша, мел дассаделла xlapa лаьмнаш. Терхешна тIерачу тIеман а, чохьIен йинчу а бIаьвнашна тIе тидам бахийтийша. Хьовсийша хIокху даьржина Iохкучу тIулгашка — массанхьа а: хIорш цкъа мацах хилла ярташ, кIотарш ма ю. Мичахь ю уьш хIинца? Уьш хIинца яц. Юккъерчу Азии а, Сибрехан а йист йоцчу, мецачу, шийлачу аренашкахь даимна а Iахка бисина ламанхой.
Шаьш парггIат кхуьучу хьомсарчу лаьттара, бухдохуш, екъачу гIамарийн ара дIакхийсина ораматаш санна, хIаллакьхили уьш, дIабайн. Цкъа а цIа ца берза бисинчарна тIера айдан лаьа суна вай кедаш! Бехк боцуш хIаллакбинчу бIеэзарнаш ламанхойн сийдеш волчо, цхьа а тIадам буха ца буьтуш, хьалаойур-кх, хьеше кховдо езачу маIане хьаьжча, цуьрриг бен доцу xIapa кедаш!

Массара а дIамелира. Асмаа а тIехь. Коьртаниг — корреспон¬дента дерриг а дIамелира. Дата ма-лаццара дIадоьдура дерриге а. Цул тIаьхьа шуьнехь аьлла дешнаш а оцарел хумма а ледара да¬цара. Кедаш чу дуттуш долу коньяк а дацара хьалхачул кIезиг. Самукъадаккхар бода боллалц дIадахара.
Колхозан председатель а, бежанийн лор а дIаваха тохавелира. Уьш новкъа баха хьалагIаьттира Савриев. Палаткиний, цIарний юххехь Асмаъий, корреспонденттий шаьшшиъ бен дацара.

ЦIеран серлоно гучудохура йоцачу куча бухара Асмаан кIайн, горгий гIогIаш, настарш. Месаш дIа а хецна, хьешан хеттаршна парггIат жоьпаш а луш Iapa иза.
— Мухарбек Мунашевич ма хьевели? — элира корреспондента эххара а, оцу гIогIашна а, морсачу месашна а, Iаламат хазчу юьхьа тIехь тучу оцу ховхачу балдашна а тIера бIаърг а ца баккхалуш.
— И цара шайца дIавигний-те, бохуш, кхоьруш ю со-м, — холчухIоьттича санна, элира Асмаа, Савриевна луъучу кепехь дерри¬ге а дIанисделла догIуш, шен дагахь йоккха а еш.
— ХIунда? — цецвелира корреспондент.
— Мелча, сих-сиха жIов дIайолу цуьнан. «ЖIов дIайолу» боху дош Савриевс Iамийнера Асмаана. Цундела и дош таIIош элира цо.
— Вайша доцург цхьа а дац-кха тIаккха кхузахь?— аладелирз корреспонденте.
— Со цIа гIyp ю, — билгалдина ма-хиллара, качъяла йолаелира Асмаъ.
— ЦIа-а? Муха? ХIинцций? Бусий? ГIашший? Говраш а йоцуш? — кхоччуш цецвелира корреспондент. — ХIан-хIа, хьо цхьанхьа a гIyp яц. Хьо кхузахь четара чохь Iийр ю, ткъа со сахиллалц хIокху цIера юххехь соцур ву. Ахь бакъо лахь. Хьан наб а ларъеш...
Асмаъ жимма меттаеара. Иза кхийтира, ша дагахь кхоьруш. ма-хиллара, хьаша башха тIегIертар волчух тера вацара. Иза собаре вухаийзалуш а гича, ша майраяла сацам бира цо.
– Хьо командировкехь хьевелча, зудчунна хала-м ца хета? — къегира цуьнан баккхий бIаьргаш.

— Масане хуьлу, — велакъежира корреспондент. — Дукха ма ца нисло, хьо санна, хазанаш.
— Со хаза го, боху ахь?
— Хьуна ца хаьа? ЦIена малик ду-кх хьо, Асмаъ.
— Ма хьежахьа соьга ишта. Эхь хоьтуьйту ахь.
— Эхь хета ца оьшу. Ийзаяла ца ошу хьайн хазаллех, Асмаъ. Хьол хаза зуда ца гина суна! — элира корреспондента, цунна улло а хууш.

— Со дIаяхча, хьуо кхузахь Ia-м кхоьрур вацара хьо?
— Со, дог иккхина, лийр вара, Асмаъ, хьо дIаяхча, — элира хьешо, иза мара а юллуш. Кхано зудий, майрий долуш санна, хьаьрччинчохь вовшашна тIеттIа летира цаьршиннан балдаш. Корреспондентан куьйгаша хьоьстура райкоман секретаран ховха дегI. Хьала а айина, четара чу яьхьира цо иза.

И мерза буьйса хуьйцуш, Iуьйре еара. Арахь дикка серлаяьллера, четара чохь вовшийн мара а хьаьрчина, дижна Iуьллу шиъ, сама а даьлла, тIе хьума юха долалучу хенахь. Даарш, маларш дIа а ца дохуш йитинчу шаршу тIехь динарг къаьхьа де дара. Буса яьхкинчу акхачу хьакхарчаша массо хьума, хьешна, дIасалестийнера.
— Ма чIогIа наб йина хилла-кх вай, — элира Асмаа.
— Неларчий дагайогIучохь дацара вайша, — гIадвахана къажа а къежаш, иза мара йолла гIоьртира корреспондент.
— ДIахеца со! Хьарам стаг ву хьо. Ас балха тIе арз яздийр ду хьуна!
— XIy-ун? Ахь хIун дуьйцу, ва Асмаъ?
— Дика ма дац гIорасиз бисинчу зударшна тIехь и лелор, — элира Асмаа, эццахь елха озо а гIоьртира.
— Хьайн Делан дуьхьа. Асмаъ! — даг тIе куьйгаш а дехкина,  дехар дан волавелира корреспондент.
— Схьахетарехь, со хIинца вежарша лоьхуш хир ю. ХIинцца, хIокху сохьта схьакхочур бу уьш кхуза. Цара вуьйр ву хьо!
— Ахь хIун дуьйцу, хьоме Асмаъ! — бос баьхьира корреспондентан. — Со цхьана а хIуманна тIехь бехке вац, алахьа тIаккха цаьрга!
— Уьш тешар а бу-кх хьуна хьох! Воккхах волу ваша ву сан лартIехь воцуш. Иза набахтера дIадаханчу кIиранах араваьлла ву. Важа пхиъ-м ишта а вацара. Уьш арсашка бевр бац. Цара топ бен тухур яц.

— ТIаккха вайша хIун деш Iа? ДIадала вайша кхузара сихха! — сихвелла хьаьвзира корреспондент, шен пазаташ, когаш тIе юхаран метта, кисана а теIош.
— Хьо хьуо дIавада. Ас кхузахь жимма совцор бу уьш. Новкъахь уьш богIуш гахь, хьуьна чу эккхалахь, Iинна буха кхаччалц хIокху басах чу эха хьо. Райцентрехь а ма сеца. Сихха дIавахар тоьлуш ду.
Сарахь доьдучу кеманца Москва дIавахара корреспондент, хьалхалерачу комиссийн талламашна кхоччуш реза а хилла.


** *

Комендантан говр яйнера. ТIаьхьа наха дуьйцура, цхьана шина нохчочо (царна юкъахь Дикваха вацара), цуьнан божали чуьра яьккхина, аренга а йигна, ен а йийра иза, ткъа жижиг оцу коменданто чIогIа хьийзош болчу нахана дIа а дийкъира бохуш. Дерриге а ма-дарра а дуьйцура наха. Масала, оцу шина стага, говр охьа ца тохалуш, къахьегна хиллера. ТIаккха царах цхьамма ирахь лаьтташехь говран логах шаьлта хьаькхира. Аре мел ю аьлла, мела цIий Iенош, дIаиккхинера говр, дуккха а еттаеллера иза, цIий кхачадаллалц. Бусалбачу стага лело хьакъ доцуш хIума доллушехь, балано бIарзбинчу наха бехк а ца буьллура царна.

Комендант тешна вара бехкениг Дикваха хиларх. Участкови инспекторца буса чу а бахана, цIахь схьалецира цара кIант. ЦIен-къа бертал а тоьхна, куьйгаш тIехьа а дихкина, участке дIавигира. Бехке хиларна даре де, бохуш, буса йиттира цунна. Сатоссуш, коре хIуманаш а оьхкина, цхьанна а мохь ца хазийта, бага горгам а йоьллина, бартхаттар дIадехьира.
— Говр ахь йийний? Хьоьца мила вара? Жоп луо! — бохуш, цунна тIе мохь хьоькхура цара. Юьхьанца бехк тIе ца буьтуш хьинзинчу Диквахас хIинца шена тIе хьоькху мохь тергала а ца бора. Оцо кхин а карзахбехира бартхоьттурш. Цара, кхин а чIогIax дихкина куьйгаш тIе а къовлуш, царах муш а тесна, иза тховн дукъох чекх а баьккхнна, лазош, хьалаийван волийра кIант.

— Жоп лой вала, ахь йийрий говр?!
Даре дай вала, фашист, ишта хьайна вала ца лаахь!   
Диквахин бIаьргаш цIийбеллера. ДегIа тIехь хьацаран даккхий тIадамаш хIиттинера.
Хьалаоьллинчунна юххехь аьчган буржуйка пеш яра. Арахь саца а ца луш йовха яра.
— XIapa пеш хьалалатийча хIун дара-те? — хаьттира участковис.
— Дера латае! — сихха реза хилира комендант. ТIаккха гIий
беара. Пеш латийра йовхонна а, чохь хIоьттинчу кIуьрана а, стаг
чохь Iалур воцуш хьал хIоьттира, пеша тIехула кхозучуьнгахь долу
хьал-м дийца а ца оьшура.

Диквахас узарш дора.
— Багара хIума дIаяккхал. Хаттар де вайшимма, — элира коменданта.
— ХIан, бехке ву, аьлла, куьг таIадой ахь?
— ТаIадо. Ма вейша со, — холчухIоьттина, дийхира кIанта.
— Куьг таIор ду ахь, я юха а ирх олла везар ву хьо?
— TaIop ду ас!
— Диквахина шийтта шо туьйхира.
ДоттагI воцуш, цхьалха йиссира Асмаъ. Диквахех а, ша-шех а къахеташ, сих-сиха йоьлхура иза. Кестта ерриг а юьрто дийца долийра, Дикваха цхьана а хIуманна бехке вацара, бохуш. Амма Iедалх цхьа а оцу гIуллакхе юхахьажа, кIант   схьахецийта   дагахь
вацара.

Кестта йоI а юьйлира хиллачух. Гергарчара еккъа цхьана кучаца ша лоьлуьйтуш хиларх санна. КхоалгIа Iа дара Асмаа шен эттIачу, йоманех яьккхинчу ширчу тужуркех тоам бен, цкъа мукъана Iаббалц даа бепиг я картолаш хиларе са а туьйсуш.
Цкъа-м Диквахе кехат яздира Асмаа. Ша-шена яздира. Шен синтемана. Ша цкъа а и дIатосур доций а, цхьаммо а и доьшур до¬ций а хуъушехь.
«Маршалла ду хьоьга, сан хьоме Дикваха! Тхуна    массарна а хьо бехке воций хаьа, амма дан гlo дац тхан хьуна. Ас хьуна чIогIа сагатдо, дуккха а хенахь дуьйна сайна хьо везашхилла дела. ДагабогIий хьуна вайшиннан сатийсамаш: «Ахь хьун дийр дара, Даймахка хIинцца дьавахийтича?» — бохуш? 

  Гуттара а со    хьайна юххехь хир ярийла хаалахь. Вайша    цхьаьний    юьллур яра хьан кIoтIaр. Со вайн уьстагIий а, гезарий а яжон лелар яра. Ткъа цул тIаьхьа вайн бераш лелар дара. Ахь   санна, аса a гIo дийр дара нахана. Вайшинца, йиша-ваша, да-нана санна, дика хир бара уьш. Бехк боцуш хIаллакбинчарна чарташ дуьйгIуш, со а хир яра хьоьца. Вайша цхьаьна лелар дара нахе хьошалгIа, вайн хIусамехь а лаьттар бара гуттар а хьеший. Даима а хьан дола дийр дара ас, Iалашвийр вара. Хьан бедарш, мачаш гуттара а    цIена    хир яра. Ткъа ахь суна кучамаш а, пальто а оьцур яра. Ахь   кхин а   сунна совгIатана дашо чIагарш, сахьт лур дара. Ткъа   суна хьо чIогIа, чIогIа везар вара, даима а хьуна тешаме хир яра, ахь   дIатесча а тIехь!

Вайн бераш, даккхий а хилла, юххе даха охьаховшур дара. Вайшимма цIенош деш а, бахам вовшахтухуш а царна гIo дийр дара.
Кхин а: вайшимма дуккха а стоьмийн дитташ дуьйгIур дара. Вайн кIотара Iежаш, кхораш, бIараш, хьечаш, кемсаш кхехьа оьхур бара нах. Царна хIумма а кхоор яцара вай. Бераш а лелхор дацара дIа, девнаш а дийр дацара, цара стоьмийн генаш ца кегдичахьана. Царна оьшшург ваьш дIалур яра.

Хьайн динахь хьо цIа вирзинчу хенахь цIийнна юххерчу бай тIехь хьуна берашца со гур яра, сийначу бацалахь ловзуш дуккха а кIайн Iахарий а долуш. Ткъа чохь даима а мерза кхача хир бара. Вайн бешахь ерриге а хир яра: помидораш, наьрсаш, хохаш, сорамсекхаш, жIанкаш, хорсамаш — дерриге а, дерриге а! Вайн Кавказехь хIуъа а кхиа ма еза!

Сан хьоме Дикваха, цIа маца вогIур ву-те хьо? ДIа маца дохуьйтур ду-те вай Кавказе? ХIокху хийрачу лаьттахь, хийрачу цIа чохь къанлур ю-те со? Я АллахI-Дела, цкъа а хир дац-те сан сайр цla, сайн меттиг? Хьоме Дикваха, кхин цкъа а ца ган воьгIна ву-те хьо, сайн дагахь мел дерг дерриге а хьоьга дийца йиш хир йоцуш ю-те?..»
Коран терхи кIелара схьа а оьцуш, сих-сиха доьшура Асмаа и кехат. Цхьацца хIума тIеяздора. Цхьацца дIадойура.

...ДIадоьдура 1954-гIа шо. Оцу шарахь юккъера ишкол чекхъяьккхира Асмаа. Сталин веллачул тIаьхьа лецначех дукхахбериг амнисти хилла цIабоьрзуш бара. Бехк боцуш чувоьллина волу Дикваха а цIа варе хьоьжура поселкера нах.

* * *

Доза доццуш тIера а, тешаме а яра Асмаъ Джалиловна Мухарбек Мунашевична. Иза цецйохура республикан уггаре лакхарчу хьаькамашца цуьнан йолчу уьйраша. И волчу сих-сиха богIура уьш талла а, Iома тIехь садаIа а, шашлык а йоттуш, маларш мийла а. И дерриге а даима къайлах лелош дара. Суьйренан бода боьлча я мукъачу деношкахь. Оцу гIуллакхашна тешаме а, тIахъаьлла а, чуьрабевлла лерина лелаш а шен нах бара хьалхарчу секретаран.
Республикан лакхарчу хьаькамашца долу гIуллакхаш Савриевгахула нисдора кхечу районашкарчу хьаькамаша а.

Хенан дIаэхарехь кхечу районийн хьалхарчу секретарийн а, райисполкомийн председателийн а, ткъа иштта министрийн а, кхиболчу лакхарчу хьаькамийн а тхьамда хуьлуш вогIура иза, хIунда аьлча, лакхарчун юххера тешаме стаг волчу цуьнгахула дуьйцура кхечу хьаькамаша шаьш балха тIехь лакхадахаран а, цхьацца aгIop девллачу гIалаташна гечдар доьхуш а долу гIуллакхаш.

ТIаьхьо наха дийца долийра, Савриев хIинца, ахча ца оьцуш, деши дIа волавелла, бохуш..
Мухарбек Мунашевична дика хаьара ша реза воцу нах, балха тIехь хIаллакбеш, новкъара баха. Шех тешийна гIуллакх дIа а ца лелалуш, ледара болу куьйгалхой, хIумма а ца деш, «дIатекха-бора» цо, амма цуьрриг а къинхетаме вацара шена жимма а дуьхьалвала кийча а, шен белшаш тIехь корта болуш а волчуьнца.

Сий дойуш, дохийна дигначуьра, еххачу хенахь баланаш хьегна, цIа дирзинчу халкъан дог-ойла охьатаIийна латтийнчу кхуз-ткъалгIачу шерашкахь Савриевн кепара куьйгалхой цхьабосса хьалакхиира. Хьаькамашна хьестабала Гамийра нах. Цунна реза воцург аьтта, хьаьшна, вийна дIаваьккхинера къинхетам боцчу сталински урхаллин чархо.

Районни газетехь редактор хийцавеллера. КIеззиг дешна а, къена а волу хьалхалера редактор бархIшеран школан директор вахийтира. Керла редактор а школера валийнера. Иза а школан директор вара, къона а, хьехархойн институт яькхина а волуш.

Райзаготконторан белхахоша даийтина арз толлуш, цунна гучудевллра стаг таIIийна чуволла мегар долуш кхин а дуккха а нийса доцу хIуманаш. Кехатийн отделан заведующис а, заместитела а, хIорамма ша-ша а деш, хьехар дира редакторна, оцу хIуманашна юкъа ма гIерта, бохуш. Цара дийцира и тайпачу гIуллакхийн «вай санначийн» бала кхаьчча, партин райком мегаш цахилар.

Редакторан дан хIума дацара. Оцу гIуллакхаш тIехь зеделларг ца хиларе терра, нахе цхьацца хеттарш деш, справкаш йоьхуш, документаш доьхуш, таттавелла оцу кегаршна юкъа вахара иза. Гучудаьхна бакъдерш дIалачкъийча, адамашна, заготконторан директора керла редактор эцна, моьттур дара.

Амма и тайпаниг хилла дацара. Ур-аталла редактор эца а ца гIоьртира цхьа а. Хумпаровагара телефон-м еара. Телефон тохале цуьнга хьалхарчу секретара, чу а кхайкхина, аьллера:

— Оцу вайн керлачу редакторе телефон тохахьа, шена балхара, дIавала ца лаахь, мел дукха веха а, заготконторан   балхаца бала ма кхача, алахьа цуьнга. Хетарехь, соьгара    йоккха    Iовдалалла яьлла, ахча а ца доккхуш, и оцу балха хаийна.
— Дика ду,— жоп делира Асмаъ Джаллиловнас. ХIинца ишта йийкира и телефон:
— ХIун ду шун, заготконторан балха юкъа ца гIиртича, кхин дан хIума дац шуна?
— «Юкъа» бохург хIун ду? Къинхьегамхойн аьрзнаш талла дезаш дац тхо?
— Заготконтора — шун гIуллакх дац. Iадда бита и нах! Цара вайна планаш йо. Цул а атеистически пропаганда меттахъхьае! И тайпа материалаш суна ца гун ши кIира а ду. Кхийтин хьо?

— ТIаккха...
— Хьо кхийтин, бах ас юха а. Хьо керла редактор ву, цундела ас дуьххьарахьехар дина вуьту хьо. Юхахула декъаза а ву-кх хьо. Кхин сан дийца хIума дац!
Цо трубка охьатесира. Редактор оьгIазвахнера. Иза хьалхарниг волчу вахара. Амма цо тIе ца ийцира. Оцу оьгIазваххарх рогIерчу номера тIе фельетон елира редактора.
«Цунах а кхин редактор хир вац», — кхийтира районехь. Иза шех Савриевх Iотталуш дара, нахана дика хууш дара цо заготконторан директор шен массо метте кхерсташ болу йоI-бIаьрг санна ларвеш хилар.

Кхиболчарна а хьакъ дIалур дуйла хаийта, гIовгIанца, сихха дIаваккха везара редактор. Ткъа и дан бахьана ца карадора. Мухарбек Мунашевичан сацам хилира оцу рогIерчу гIуллакхна тIехь а Хумпаровага гIo деха.
— Суна вайн редакторан машен сих-сиха ахка чуьрчу коьл¬лаш юкъахь го. Хьан тидам хиллий? — хаьттира цуьнга хьалхарчу секретара.

— Церан шофер хуьлу, моьтту суна, и машен юьлуш.
— Дика хьажа еза, дукхаяхарг! Къаъркъа детташ ву цигахь вайн редактор! Хьакха санна! Хьайна а гина хьуна и, хIетте а и боьха хIума кIелхьараяккха а гIерта!
— XIa-xIa... гина, моьтташ ю хьуна со...
— Партин райкоман бюрохь, лечкъа а ца деш, ма-дарра эр ду ахь иза. Ас юха а боху хьоьга, ма-дарра а, ца кхоьрруш а, принципиальни коммуниста санна! Нах, кхетий хьо, вайх буьйлуш бу, вайн идеологаш коьллаш юкъахь бехна Iохкуш гуш, вай цуьнан хьакъ боллу мах ца хадош. Ишта Iахь, кестта адамийн сий-лерам а дIабер бу вайн. И тайпачу кадрашца хIоттало коммунизм? Ткъа шарахь-м мичара, шовзткъе итт шарахь а хIотталур яц вайга и ишттачаьрца-м!

Райкоман рогIерчу бюрохь Хумпаровас дан шена лиъна къамел дара Мухарбек Мунашевича динарг. Цу тIе а, Хумпарова коьрта теш хилла дIахIотта езаш яра, масийттазза редактор коьллаш юкъахь шена вехна гина хилар чIагIдеш.
Цхьана а хIуманах гIo ца хилира    редакторна. Шена    йолийна цIе харцонца йолийна, бахарх а, коьллаш кIел хьовха, дезчу дийнан шуьнехь а, Iуьрг дала гIерташ, лозуш хьер    хиларна, маларх кхета шен йиш а яц, эшахь, и чIагIдеш, лоьрийн справка а йохьур цо ша, бахарх а.

— Воккхаве, хьуо оха партин могIаршкахь вуьтуш. Учетни кар¬точки тIе доккхуш долу xIapa луьра выговор пайденна хир ду хьуна. Школе вухаверза. Оха гlo дийр ду, хьехархо дIахIоттош. ТIаьхьа хьох хиндерг дозуш хир ду хьан хьекъале варан барамах, - дог дикадаран дош элира хьалхарчу секретара.

— Суна хаьа, аш xIapa хIунда дина. Хаьа, аш мила ларво а, хIунда ларво а. Амма ас чIагIо йокх шуна бакъдерг лаха! Ас иза ишта дуьтур дац! Со бакъдолчунна    тIе кхочур ву! — кхерамаш туьисура дIаваьккхинчу редактора. Ткъа Савриев-м дагахь цунах воьлура, цкъа а, цхьа а тайпа а бакъо цунна карор йоцийла хууш санна. Шен хьер лозуш елахь а, хIинца цо боккъалла а къаьркъа мала долор хилар тосаделча санна.
Мел тамашийна делахь а, бес-бесара болу хьаькамаш цул тIаьхьа Асмаъ Джалиловнех хьалхачул а кхера буьйлабелира. Кхера а, лара а. Цунна тамехь дерг леладора. Амма совгIаташ кхийдо кхоьрура. Мухарбек Мунашевична хаахь, цо цунах кхечу агIор.. МаьIна даккхарна кхоьрура.

Хенан йохалла шен езаран а, Ноьхчин а жIаьлин санна муьтIахь хилар девзина ваьллачу Савриевс цунах муьлхха а гIуллакхаш тешадора. КIезиг ца яздойтура цуьнга куьйгалхошна дуьхьала анониман аьрзнаш, тIаккха цаьргара тоттий хIума йоккхура.
Цкъа-м республикански барамехь болчу балха хIотта араваьллачу цхьамма-м дукха ахча деанера Савриевн кабинета чу, И накъост аравалар, телефон екар цхьаъ хилира. Цхьамма-м ниш халарца элира: «XIaxI, хIинца ларлур-кх хьо...» Мухарбек Мунаше¬вич чIогIа кхеравелира. Портфелах ка а тоьхна, Хумпарова йолчу кабинета чу иккхира иза:
— Катоххий  дIалачкъаделахь!

— ХIун  ю xlapa?  Мича?
— Ца хаьа. Хьайна луъучу. Кхуза хIинцца схакхочур бу.
— Ас квартире дIахьур ю.
— Xaaц суна. Хьохьа...

Савриев юханехьа шен кабинета чу хьаьдира Портфель шен плаща юккъе а хьарчийна, цIехьа едира Хумпарова. HeIapнa тIекхаьчча, ша догIа кабинета чохь дитар дага а деана, юхаедир. Портфель юха яхьа метарг цахилар дага а деана, юхайирзина, и неIаре охьайиллира. Подъезда чуьра араиккхира, тIаккха а хьожуш стаг воцуш и йита ца яьхьира. ТIаьххьара а, и портфель карахь а йолуш, тIуьнчу, боьхачу подвала чу яхана. дийнна пхеа сохьтIехь меттахъяла на яьхьаш лаьттира. Дйкка бода къовлабелча бен, хьала а яьлла, догIа схьадан ца яхара иза.

Оццул и шена тIекIаелла, муьтIахь юй хуу Мухарбек Муна¬шевич цуьнца цIармат лелара. Шена луъ-луъург леладора цуьнца цхьаьна дIавижначохь. Къаьсттина-вехна веъча я и йолчохь дйкка мелча.

Асмаъ Джалиловнин 30 шо гергга дара. ТIаьххьарчу хенахь и кхин а тоелла, тайна зуда хилла дIахIоьттинера. Цуьнан цIа чохь мел долу хIума дерриге а Савриевн ахчанах эцна дара. Мухарбек Мунашевич, оцу хенахь чIогIа юкъахь хилла гIургIезийн месех буьзна китайски ши-кхо гIайба тIе а кхуссий, кхуьнца верзина тIехь Iилла Iемина болу ерриг зал дIалоцуш баржийна Iуьллу тайна куз а.
Савриевс Асмаэ, ерзина а йолуьйтуьй, шена хьалха коча кеп хIиттайойтура.  Оцу    кочаллехь    хаалора  Малхбален паччахьийн гаремашкахь болчу исбаьхьчу мехкарийн кочаллин амалш. Хенан йохулла и гIуллакх, дика карадирзина ца Iаш, Асмаъ Джалиловнина деза а деллера. Верзина Iуьллучун боьршалла самайохуш, цуьнгахь хаалучу сутараллина хьесталуш, дагна там хуьлура цунна.

** *

Набахтех беза бала хиллера къоначу ламанхочунна. Жимчохь дуьйна баккхийчийн сий дан Iемина волчу цо баккхийчаьрга ладугIypa. Царах кхерар дацара и, мелхо а церан лерам бар дара. Цкъа а цхьанна а хьеставала Iемина вацара кIант. Ткъа набахтехь и тайпа гIиллакх хIун ю а ца хаьара. Цундела юьхьанца дуьйна Дикваха чIогIа халчу хьелашка нисвелира.
Къизаллина даима а лаьа гIийланиг хьаша, цунах делан. Ишта ду цуьнан боьха хатI. Къаьсттина Батя бохучу лагерни атаманна на везавелчахьана дуьйна набахтехь, xIopa шолгIаниг бохург санна, озачу, гIорасиз волчу Диквахина коча ца вогIуш ца Iapa.
Барака чуьра тас (параша) аракхехьа дIахIоттавора Дикваха. Цо аьлларг ца дора, тIаккха хIоразза чIогIа еттара цунна.

 Оццул болчарна юкъахь цхьа воккха стаг гIалгIа бен, кхуьнгахьа вацара. Цо цаьргара бехкаш дохура, буса урс хьоькхур ду ша, бохуш, кхерамаш туьйсура. Амма цунах цхьа а ца кхерара. Мелхо а цкъа-цкъа иза а вожавора, хебаршка яханчу бета тIе хIума тухий.
Воккхачу стага Диквахина ламаз Iамийра. Кхуо ламаз деш а гой, милла а цхьаъ, тIехIуттий, коча ца вогIуш ца Iара. Ткъа цкъа-м Батькина цхьа хIума дагадеара:
— Вешальгаш, цо шен АллахIана охьадеттачу хьаьжа тIе,
чкъура буха а доссуьйтуш, яздан деза:

«..XIapa ду хьуна!»
Барака чохь массо а велавелла кIажвахара. Оцу сохьта карийра тушь а, тай тIехь маха а. И говзалла йолуш верг а ведда схьавеара.
— Беснеш тIехь берзина зударий бахка беза цунна! — дагадаийтира кхечу цхьамма.
Кхин хьем ца беш, нара тIехь ламаз деш волу Дикваха чутакхийра, куьйгаш тIехьа дIадихкира, гIовгIа ца яйта, бага портянка а йоьллина, шайн болх дIаболийра цара.
ЦIийх юьзначу юьхьаца Iуьйре кхаччалц иштта Iиллира Дик¬ваха. Детта хилла цIий юьхьа тIера дIадаьккхича-м...

КIантах хIинца гIаролхой а буьйлура. Юьхьа тIе кIормодаш а ца хьаькхча, бIаьштига тIе охьауззуш хураьшка а ца тиллича, дан хIума дацара Диквахин. Оццул оьгIазвахана а, холчухIоьттина а волчу цо poгIepa ламаз дечу хенахь Далла дуй биира Батя вен. Цунах гIуллакх ца хилира. Дикваха хьалха араваьккхира. Ткъа Батя цхьанхьа-м кхечанхьа ваьккхира.

И юьхь а эцна поселке цIа вогIийла дацара Диквахин, Юьхьа  тIера и эхьалле йоза а, бёрзинчу зударийн суьрташ а дIадоху долу говза стаг леха велира иза. Цунна дала ахча а дезара, цундела,  хье ца луш, шахте балха xloттa дийзира цуьнан. Кхузахь дика дара. Дийнахь лаьтта бухахь а, буьйсанна урамновкъахь а цхьам-мо а башха тергал ца йора цуьнан юьхь.

ТIаьххьара а ахча а хилира, оьшу стаг а карийра, маццах цкъа шен куьйга тIера ца оьшу йоза серии кислотана    дIадаккха таро хилла волу.
Диквахега хьалххе дIахаийтира xIapa чIогIа лазор хилар. КIант муьлххачу Iазапна а реза хилира.

Амма цуьнан юьхьах хиллачуьнга кхера ца луш хьажалур а вацара. ЦIийелла, йистина, севсина дIаяьллера иза. Ша «говзанча» а кхеравелла вара. Юьхь толур ю, жимма моьнаш бен дуьсур дац, бохуш, дог тодеш хьийзара иза.
Оцунах  Дикваха  цомгушхилира.  Бихкинчу    коьртаца  баттахь гергга больницехь Iиллира иза. Шен юьхьа тIехь боккъалла а хилларг лоьрашна на дийцинера цо. Ца хууш, хи ду, моьттуш, юьхьах  кислота тоьхнера шa, аьллера.
И больиицера аравалийтира. Хьалха хаза,   товш хилла   кIант хIинца цхьанна а вевзар вацара. ЧIогIа маьттазаяьлла яра юьхь. Да вела дисарг, йоза а, даржар бен, цIенна дIа ца даьллера.

Дикваха юха а шахте балха вахара. ТIаьххьара а юьртана, гергарчарна, Асмаана кхоччуш сагатделира. Бехк а боцуш xIapa чувоьллинчул тIаьхьа диъ шо даьллера. ХIинца а хIун дан деза ца хаахь а, комендантана цо шена динарг декха дезаш а вара xIapa. И дерриге а дицдора коьрте хьийзачу цхьана ойлано: «Муха тIeоьцур-те. Асмаа? ХIун хилла-те цунах? Маре-м ца яхна-те? Йовхо Iаьткъина, амма машаре, токхе яра Дикваха    эххара а    поселке веана I954-чу шеран аьхке. Иза кечвелира, чех юьйцина шляпа а, цIен полубатинкаш а ийцира. Асмаана  пхьаьрсах доьхку «Победа» сахьт эцначул тIаьхьа а, цу хенаца   лерича,    кисанахь дикка ахча дисинера.

Поселкехь цхьанна а ца вевзира, дийнан делккъахь урамех чекх а ваьлла, юьртан йистехь доьдучу хин йистехь, цкъа ша картолаш йоттуш хиллачохь, дуьххьара шен балдаш йоьIан мерзачу балдех... хьакхаделлачу меттехь хиъна Iен жима стаг.

Дерриге а дага а деана, легашка шад, хIоьттира. Маьттазаевллачу беснеш тIехула бIаьрхин ши тIадам бедира. Ша-шен ледараваларна оьгIазвоьдуш, дIахьаькхира цо уьш.
ХIинца йоккха а хила, тIахъаьллачу тайначу йоьIан куьца яхана Асмаъ цабезамца ладоьгIуш Iapa шега вистхиллачу жимчу стаге. Цуьнан юьхьа тIехь бIаьрг сацо а ца лууш. Цо цхьа ирча кхаъ боккху-кх, бохуш, даго хьоьхуш лаьттара иза. Цуьнан аз хезча, и кхераелира:
— Дикваха?!!
— Бехк ма биллалахь, Асмаъ, суна хIумма а ца оьшу хьуна.
Ма кхера хьо. Суна хьоьга цкъа бIаьрг тоха лиънера. Суна хазахетта, хьо могуш карийна, кхин а хазъелла... Гергарнаш а могуш болуш... Марша Iойла. Ирсе хуьлда хьо.
Асмаа саца ца вира иза. ДIавоьдучунна тIаьхьа дош а ца элира. Лаьхьарчу хепахь оццул ша сатийсина хилла волу иза, тIаьххьара гуш хила а мега-кх, бохучун хьесап а ца дира.
Оцу буса гIалехьа гIаш шовзткъе итт километр сов некъ бира Диквахас. Цул тIаьхьа и поселке ваха а ца вахара.


*  *    *

Асмаан уггаре гергара стаг хIинца а и хьалхалерра денваша Исмаил вара, хала а, атта а шен зудчуьнца Хьалиматца xIapa кхиийна а, халчу хенахь мацалла ца ялийтина а волу. Денваша лорура Асмаа, башха цуьнга безам ца хиллехь а.
Оцу дийнахь хIокху тIаьххьарчу масех шарахь дуьххьара рай¬коме, xIapa йолчу кабинета чу веара Исмаил.
— ХIумма а-м ца хилла? — къаналле лестинчу маж яшазчу денвешин кIадбелла хIиттинчу бIаьргаш чу а хьоьжуш, йоьхна хьаьвзира Асмаъ Джалиловна.
— ХIан-хIа, хIумма а ца хилла. Массо а могуш, маьрша ву, — жоп делира Исмаила. Амма цуьнан юьхьа тIе хьаьжча а, озе ладоьгIча а хаалора и цхьана хIумано холчухIоттийна хилар. ХIинца цхьа доккха гIуллакх дохьуш веана хьуна xIapa, сан а дикка къахьега а дезаш, бохуш, шен дагахь сацам а хилла, йист ца хуьлуш Iapa Асмаъ.
— Делан дуьхьа, йоI, цхьа дехар дахьаш веънакх со, — шен дакъаделла, даьIахкаш хилла куьйгаш оьгIазе дIаса а ластош, волавелира Исмаил.
— Дийцал. Сайга далург гIо дийр ду ас, — самоне хилира Асмаъ.
Стенна тIера дIадолор ду, ца хууш, соцунгIа хилла а Iийна, Исмаила элира:
— Баккхийнах баьхкинера селхана со волчу. Хьаьжин ненан коша тIе хIитта бахка луучу нахана лераш а, дуьхьалонаш а йо, боху, ахь. Цара-м, хьо зихIарт дохадайта а... дагахь ю, боху. Бакъ дуй-те и, йоI?

— Хьажахьа и зихIарте леларш! Хьуна тIe а кхаьчна-кх уьш. Са хIоккха кхачинна-кх сан цара! — логах ка а тухуш, жимма меттаеара райкоман секретарь. Шегара ахча ца дехна а, «кхин доккха гIуллакх» тIе ца деана а, йоккхаера иза. — Оцу хелхабуьйлучаьрга ахь хIун алий: совца, ала! Оха дукха къоьллур болуш бац уьш. Со яц и бохуш ерг, парти ю! Партица бегаш бан мегар доций дIахаийта. 1944-гIа ню дагадаийта царна. Шина дийнахь таIийна республика эшелонаш чу йоллар. Цигара, маршо а елла; цIа бахкийтича, хIиица зихIарт а    хьаштхилла    хIакхарна? Баркалла алар ма ду и динчу диканна! И дIаала ахь цаьрга...

— ХIай йоI, Асмаъ, собар дехьа. Сих ма лол хьо. Къасто хьажа вайшиъ. Хьанна новкъарло йо цара? Динах тешаш нах ма бу уьш. Цхьана а зуламна арабевлла ма бац. Дохийнчохь хьегначу халонаша синош кIаддина, гIелдина нах ма бу уьш. ЗихIарте веъча, жима бер санна, царах xIopa а воьлхуш ма хуьлу. Цига жимма а шайн бала бицбалийта боьлху уьш. Цхьаболчийн да-нана делла, вукхеран дийнна доьзалш хIаллакьхилла, кхечеран дийнна тайпанаш дIадевлла. Динехь оцу тIаьххьарчу догдохийлех мукъна а ма бахахьа уьш. Шайн ворхIе дайн кешнаш, деза зихIарташ бахьанехь а ма гIиртина и нах хIокху дайн махка юха...
— Ма «еза меттигаш» карийна-кх шуна! Тхо ду царна клубаш, культуран цIенош схьадоьллуш, исбаьхьаллин самодеятельносташ, цIахь ен лектореш вовшахтухуш, ткъа хIорш кешнашка гIерта! Царна детта са дисина а дац-кх сан. Ойла ейша: тхо ду хIокхеран дуьхьа лелаш, ткъа хIорш хIун бу а, хуучу дикачу нехан даьIахкашна тIе гIерта. Хила маца хир дуте вайх культурни къам?

— Царна хIун оьшу, аш шайгара дIадаьхначу маьждигаш чохь схьадиллина культуран цIенош? ХIумма а ца дитина царна. Кешнашкахь мукъане паргIато лойша нахана!
— Уьш-м адамаш даций, ваша. ХIун ю а ца хуу бодане хIуманаш ю. Церан цомгуш болу лаамаш кхочушбан а ца гIерташ, кхетамчу балош кхио беза нах бу уьш.
— Цомгуш хилар — и бакъду. Шайн цамгаршна дарба хир дацте, олий а ма боьлху цига нах. Поле а лоьху цамгарна. И аьтто дIа хIунда боккху церан?
— Вайн районехь шиъ участковн больница ю. БерхIитта ФАП ю. Шайна маттов дарбанаш леладайта. ЗихIарташ, бохуш царна дага мел еанчу меттигашка лоьлуьйтур болуш бацкх хьуна уьш, ваша. Дог а ма дохийла цара. Нагахь дика дийцича уьш кхидIа а кхеташ ца хилахь, Iедалца дуъйцур ду оха, жоьпе озабойтур бу!
— Жоьпе... Мила? Асмалайк а...?
— Асмалайк а озор ву!

Асмалайк сибрехахь Асмаъ-а, Исмаил а хиллачу юьртахь Iийна
вара. Дика воккха стаг вара иза. Шен ерг а, йоцург а берашна
дIасайоькъура цо, Асмаана а тIехь, шена ца валлал бен хIума а
ца юьтуш. Тамашийно вара иза. Цундела жимма телхина а лорура паха.
— Хьуна хаьий, Асмаъ, Асмалайк шита хIунда ву?
— Дийцал.
— Дийца, бах ахь? — къегира девешин бIаьргаш.
— Дийца, хьайна лаахь.

— ЛадогIал делахь. Ша Сталине, 23—25-чуй февралехь беррише а бохийна ваьлла, аьлла Берияс рапорт лучу хенахь дIабйгаза бисина а нах хилла хьуна. Уьш лаьмнашкахь, кIотаршкахь дуккха а бисинера, тIаьхьа ворданаш йохкуьйтур ю, аьлла, лебина. Цул тIаьхьа цхьана баттахь гергга и нах, схьа а гулбеш, говрийн фермашна а, маьлхан кешнашна а, Iаннашна а чу а бухкуш, хIаллакбина. Цхьаберш багабора, вуьйжаш лайла бухкура, кхечеран де¬къий акхарошна пхьорана Iадда дуьтура. Цхьана Хайбахахь 700 сов бер, зуда, воккха стаг, цомгашниг, говрийн божала а боьхкина, багийра! ЦIена бакъ ду-кх иза!
Деца хьуна, Асмалайк и санна долу хIума шен бIаьрга дайна ву. Оцу багийначаьрца xIapa вагоза висина, сатасале даго дечиг дан вахар бахьана долуш. Дечгера вогIуш, боккха Iаьржа кIур а, богучу желанна гуо бина хехь лаьтташ салтий а гина цунна.


Салтий дIабаххалц а Iийна, йисинчу овкъаршна тIевахча, ах даьгна адамийн декъий гина...
Жимма а адамийн суьртахь дисина декъий цул тIаьхьа масийтта дийнахь ша дIадухкуш ваьллина Асмалайк. Дукха хьолахь гIoрийна долу латта ша цхьамма ахка а охкуш, шовзткъа гергга дакъа дIадоьллина цо. Баьгначарна юкъахь шен цомгуш хилла йолу нана, зуда, кIант а, йоI а, мел хьежарх а, ца девзина Асмалайкана. Оцу къаьхьачу воно а, мацалло a, гIopa кхачадаро а жимма хан яьлча коьртана талхийна Асмалайк. Иза цхьаналлехь велла хир вара, нагахь лаьмнашкахь хIинца а лелаш болу обаргаш тIе ца кхаьчнехьара. Хьегна къа а, цунна хилларг а хиъначу обаргаша хIума хуучу цхьана жIетхочунна тIевигина Асмалайк. Цигахь жимма меттавеана иза. Цул тIаьхьа вайна тIаьхьа Казахстане хьажийнера и цара.
Ишта кхоллам букх оцу стеган.

…Иштачу адамашна, Асмаъ, кино ца оьшу хьалха хиллачу маьждигаш чохь. Делаца
дан къамел деза. Массо а цхьатерра ву, ма мотта. Бераш шайна махетта кхетошкхиаде. Кхиийта шайна уьш ирсе а, могуш а. И дерриге а дIадаьккхина, догойла йохийна, дегнех Iуьргаш даьхна хьийзийна нах, деллаша, бита Делаца юкъаметтигаш хила. Хьайн Делан дуьхьа, йоI. Доьху хьоьга, ма латаде хьайна тIе и къа. Везчу Делан дуьхьа, ма хIиттабе xIapa сан къежбелла корта нахана хьалха юьхьIаьржа. ТIаьххьарчу хенахь адамашна юкъавалан юьхь йоцуш лелаш ву со.
Оцу тIаьххьарчу дешнаша оьгазъяхийтира ша бен хIун ду бохуш йолу Асмаъ Джалиловна. Карахь дIасахьийзош йолу ручка стоьла тIе охьа а кхуссуш, хьалаиккхира иза:
— Эхь хета, бах ахь, хьайн ишта вешин йoI йолуш? Эхь хета, хIан?! Вон-дика а дац, алий, хьайх дIакъастае. ШайтIа хилла хьаьвзина, ала со. Сох йилбаз хир ду-кх хьуна, оцу суьпанахана луург ца дича, хуьлуш елахь. ДIахаа ду хьуна.

Суна атта ду, моьтту хьуна, уьш бахьанехь обкомера йогIучу комиссешна а, районе мел вогIучунна а хьалха юьхьIаьржахIитта? Вайн районна-х со¬циалистически йохьаллин жамIашкахулайогIуш йолу ЦIен байракх а ца елла уьш бахьанехь. Идеологехула волчу обкомам секретара ма-дарра схьаэлира: «Стенна луш ю царна байракх? ЗихIарте лела нах, мозий санна алсамбовлийтина, аьлла луш-м яц?..» Ишта ду хьуна, ваша, соьга, и тайпа хIуманаш де, ма бахалахь, вайшиъ чIоггIа эгIийта хьуо дагахь вацахь. Оцу хIуманех сайн партийни принципиальность ца юхку ас. ХIинца мукъане а оцу боденечу xIyманех мукъадала дитийша халкъ. Iаьржа ницкъ хилий новкъахь дуьхьал ма латтийша. Оха и дIасакхуссур бу. Отур бу! Кхийтин хьо?!!
 
Исмаил юьхьIаьржа хьаьвзира. «ХIун дийр ду... наха ваийтир-кха...» — бохург санна, холчухIоьттина, гIам-гIим а дина, неIapx летира иза. Дегочу куьйгаца тIам схьа а лаьцна, неI дIатоьттура цо.
— Хьайна тIе озае! — мохь туьйхира Асмаъ Джалиловнас.
— ХIун хилла-а? — цецваьлла, неIарера схьахилара воккхастаг.
— HeI озае, бохий ас-м, хьайна тIе!

Гергарчаьрца йолу юкъаметтиг динна тIехула дIа а хадийна, динах тешачарна шен йоккхачу оьгIазлойна дуьхьалъелира Хумпарова. XIopa дийнахь цо ша толлура, зихIарте доьлху некъаш милицин посташа лардеш ду я дац. Жимма а ледарло ялийтинчу милицин белхахочунна партера дIаваккха кхерамаш туьйсура.

Ламаз-марха дерш жим цабаларца йолу шен ледарлонаш керла Советски гIиллакхаш, дезденош, ламасташ юкъадахаран кхиамашца дIашаръян гIертара Асмаъ Джалиловна. Цу хьокъехь бан безачу белхан леррина хIоттийна план а яра. Даздаран хьелашкахь зуда дIаерзор, комсомольски ловзарш дар, цуьнан кхетамехь, къоман гIиллакхех бозуш цхьа а хьаса боцуш кхочушхила дезаш дара; ткъа иштта кегийрхойн суьйренашкахь а нохчийн хелхар дан ца мегара, кхидолу европейски хелхарш дан дезара, йоI, кIант чуччу а доьдуш, вовшех куьйгаш а тухуш; дуьненахь а магош дацара мехкарийн коьртахь хIума хилар. Цул совнаха, велла стаг дIаволларехь дан дезарг а билгалдина дара плана тIехь. Иза дIадахьа де¬зара митингаца, зезагашца, бакъду, юьхьанца оркестр ялор бил¬галдина дацара.

Юьртдайшна а, парткоман секретарашна а райкоман секрета¬ре мел девнаш дарх а, цу тIехь хуьлуш болу кхиамаш вуно ледара бара Барт бича санна, дуьхьалдаьллера халкъ, и гIиллакхаш, ла¬масташ тIе ца оьцуш, къаьсттина, стаг дIаволларехь дерш. Асмаъ Джалиловнин дагахь чIогIделла догIура, хIокху малха кIел нохчел Iовдал а, бодане а халкъ дан а дац, бохург. Меттиг яьл-яьлла-чохь, къаьсттина меттигерчу къомах боцу хьаькамаш а, хьеший а баьхкича, цаьрга иза ишта дуьйцуш хазахетара цунна.

Хумпаровас сатуьйсура стаг дIаволларан кепаш шен куьйга хийца. Цундела чIогIа сатеснера цо шена гIоьнна районехь, хьаькам лелла, вевзаш волу стаг валарх. Эххар а иштаниг вала а велира. Иза вара НКВД-н хилла белхахо, Даймехкан Синлахь-Боккхачу тIеман ветеран, наха лоруш волу стаг.

И ма-карийннехь партин обкоман жоьпаллин белхахочуьнга телефон туьйхира Хумпаровас:
— Керлачу советски гIиллакхехь стаг дIаволлар дIадахьа лууш ду тхо.
— Дика ду. ДIахьо аш. Ткъа и гIиллакх муха хир ду шун?
— Митинг а, къамелаш а хир ду, зезагаш дахкар а...
— Кхин?
— Баккхийчаьрга коьртара куйнаш дIадохуьйтур ду яьшка коша чу кховдочу хенахь.
— Уй, шу долчохь гробашкахь дIабохка болийна белларш?
— ХIан-хIа... дакъа коша чу кховдочу хенахь, ала гIерташ ярий со-м.
— Дика ду. Кхин хIун дан дохку шу?
Стаг дIаволларан гIуллакх кхин стенца хаздийр дара-те, аьлла, минотехь гергга ойла еш Iийра Хумпарова. Цунна дага а деара:
— ЦIен лента озор ду оха кошана хьалха, дакъа тIе кхаьчча, пионерашка иза хададойтур ду!
— ХIан-хIа, Асмаъ Джалиловна, — бохура жоьпаллин белхахо-чо, — и дац аш дан дезаш дерг. ХIуъа делахь а, кхин хIума дан деза цигахь. Митииг-м, бакъдерг дийцича, кIеззиг хIума бендац. ХIуъа дина а, и дIадахьарехь къоман кеп а, социалистически чулацам а цхьатерра нисбан хьовса деза. Ах оцу aгlop, ах вукху aгIop. Аш мабохху, кхин мел дерг къоман кепехь а хилча, социалистиче¬ски дерг цхьана митингаца бен гучудолуш а ца хилча, кIезигм ду иза.

— Пионернйн маршалла хаттар вовшахтоьхча муха хир дара-те?
— Маршалла хаттар аьлча а, некъ дика-бар. Делахь а, хьашга хаьа, веллачун пионераша некъ дикабар муха хирду... дика ду хIета. Шайна хеттачу aгIop дIахьо. Цул тIаьхьа жимжимма цхьацца керла хIуманаш юкъадохур вай.
Цул тIаьхьа райкоман секретаре юьртдега телефон туьйхирах оьшуш болу кечамаш бина бовллалц велларг дIа ма воллийта, аьлла.

Велларг, дийнна юрт арайолий, дIавуллуш Iедал ду ламанхойн. Велларг цхьатерра лоруш хуьлу, иза къен я хьал долуш, хьаькам я Iаьржа белхало, гергарнаш дукха болуш я боцуш, мухха хиллехь а. Белларш цхьатерра бу. И Iедал бIешерийн орамашка дIадоьду. Цуьнца доьзна ду беллачарна цхьатерра чарташ дуьйгIуш хилар а. XIopaннa шеншена лерина хIолламаш ца хIиттабо. Кошана гонаха керт ца йо. Бусалба дино хьоьху, кошан барз лаьттаца сихха дIанисбалар веллачун синна дика ду, бохуш. Кхин цхьаъ а хьоьху цуьнан Iедало: веллачун коша тIе, лаьттах схьа а даьхна, зезагаш дахка ца мега. Кошан борза тIе шаьш девр зезагаш, буц. Мохехь дайн техка а техкаш, деле веллачун гечдар доьхур ду цара.
Райкоман секретарана хьалха цхьа а философи яцара, и ширчух бухадиснарш дара, сихха коммунизм дIахIотторхьама, шайца луьра къийсам латтон безащ долу. Хила хIуъа хиллехь а, керла социалистически ламаст юкъадалор чIогIа ледара нисделла дIадахара. Ша аьлча, цуьнан жамIаш Хумпарована а, обкомерчу цуьнан верасашна а луучу aгIop ца нисделира. Ткъа Савриев и санначу гIуллакхашна юкъа гIерташ Iедал долуш вацара.

ГIуллакх муха дара аьлча, велларг тIеман ветеран лоруш а, пионераш болчу сихсиха кхойкхуш а, собранийн президиумашка хийшош а хиллехь а, нахана цо делийнчу боьхачу гIуллакхашца вевзина вара. Цо лелийна хIуманаш диц ца деллера нахана. Цо мотт беттар бахьанехь, юьртара а, районера а кIезиг бацара ткъе итталгIачуй-шовзткъалгIачуй шерашкахь Iедало хIаллакбина нах. Тухушев санна болу нах (ишта яра цуьнан фамили) базбарца меттигерчу Iедало сий доцчу йоккхура шен идеологи. Цуьнан «кIорггера» ойла ян мила вара?

Шен аьтто балахь, Тухушев вен сибрехахь дуьйна йина чIагIо йолуш цхьа стаг вара юьртахь. Бехк боцчу нахана цо динчу зуламашна бекхам бан дагахь вара иза. Цо цхьана сарахь, чуьра араваьккхина, меънийн тогIе а вигна, лога тIе урс а хIоттийна, Тухушевга аьллера:
— Ас дукха сатийсинера хIокху сохьте, зуд, Дела хьахош доIа
де хьуо валале!

Хахъаьлла мела догIа хилла велха а волалуш, Тухушевс, зудчо санна, дехарш дора:
— Сихха вей дIаваккхахьа со. Хала дукх суна, хIинций-хIинций, бохуш, Iожаллех уьдуш лела. Амма хьуна хаалахь xIapa: сан хIетахь кхин да хIума дацара хьуна. Я ас мотт бетта безара, я со суо хIаллакьхила везара. Со воцуш, кхин хиллехь а, хилла хир даракх изза я цул а сов. Ас-м иттанаш адамаш Iожаллина кIелхьара а даьхний!
— Харц луьй хьо, боьха хIума! Со ваставолуьйтур вац ахь оцу хабаршца! Хьо сана йолчу хIуманаша а, ахьа а халкъана дина зулам, беана бала бахьанехь ас вуьйр ву хьо, хила езачу нийсонан эзарлагIа дакъа бен меттахIуттуш дацахь а!
Тухушев хIетахь, езчу Маккехьа, къилбехьа корта а берзош, лаьтта охьа а вижина, ша валале, Дела хьахош, доIа дан волавелира.

Беттасино кхин а маьттазъяьлла а, бос баьхьна, кIайелла а гойтура цуьнан бат. Гонаха тIекхозаеллачу тийналло а, бодано а йолчу тIе а пайдабоцу хIума хоьтуьйтура иза. Бекхамхочунна дагаиккхира, мацца делахь а, адамаллин истории когашка иштта сий дайна, пайдабоцчу яьлла дIайижа езаш юкх ерриг сийдоцу НКВД аьлла, Оцу боьхачу хIуманна тIехь куьйгаш бехдар а ледаpa хIума хетаделира цунна. Хаза яьлла къона буц оцу боьхачу xIyманан цIийга бехъяйтар хьарам хеттера цунна. Минотехь иштта, лакхара охьа а хьоьжуш, шена каравеанчунна юххехь лаьттира иза, тIаккха, массеран а неIалт даханчу боьхачу бета тIе ког а таIийна, дIавахара.

Ткъа хIинца и Тухушев шен Iожаллех веллера. Гуттара а санна, юрт араелира и дIаволла. Велларг цхьатерра ву нахана. Лаьттахь лелийначунна жоп эццахь доьхур цуьнга луъучу aгIop. Делан карахь гIуллакх ду иза.

Хумпарована дагадеанчу хIуманах нах цец ца бевлира. Тухушевх тера нах Iедало гуттара а лекха лоруш хилар царна зеделла дара. Цундела, Хумпарова шена луъург дан а юьтуш, шайн бусалбанинн декхарехь бист а ца хуьлуш, кхочушдора наха.

Митинг а яра. Зезагаш а дара. Райкоман секретарана махетта, нахана дийцар далла деза гIуллакх цунах ца хиллехь а. Делахь а Асмаъ Джалиловна реза хилла шен райкоме дIаяхара. Хиллачух лаьцна районан газетехь йоккха статья кечъяр тIедиллира цуьнан белхахошна. Цигахь хиллачун зеделларг дIасадаржош, семинар а ехьира дIа. Райкоман а, республикан а барамашкахь и хилла дерг пхеа шарахь сов докладашкахь хьехийра. Партийни органийн докладашкара советски а, профсоюзан а, комсомольски а органийн куьйгалхойн а, Iилманчийн а докладашка долура и бакъдерг. И хилларг дIасаIаморхьама, районехь республикански семинар язза бевлира, хетарехь, йочано новкъарло йира... я семинараш бахьанехь Iаламе садаIа бахарна юкъахбовла ца лиира...

Оцу дуьххьара хиллачу гIуллакхо чIогIа дог-ойла айинчу меттигерчу цхьана къоначу атеисто и, дерриге а дуьйцуш, толлуш, дийнна диссертаци язйира, хетарехь, шена философски Iилманийн кандидатам цIе тиллийта аьтто а белира цуьнан.
И цхьа хIума дара. Амма цул тIаьхьа и тайна хIума стаг веллачохь кхин хила-м ца хилира. Стаг велла меттиг нисъелча, иза ишта дIавуллур вара-кх, аьлла дехар дича, наха жоп лора: «ХIан-xIa. Тхан стаг вуллур вац аш Тухушев санна. Тухушевх терранаш лаха аш. Иштарнаш кхин а болуш бу шуна, Дала мукълахь бала а безаш».


Асмаъ Джалиловна, чIогIа къайлехь, шарIан  Iедалехь Савриевн дола яьлла, цуьнан шолгIа зуда ю, бохучух ца тешаш берш а нислора. Иза чIогIа хаза зуда яра, цундела дукхах болчара тIе ца дуьтура, оццул сийдоцчу яьлла и лелар ю, бохург.
КхузткъалгIачу шерийн шолхачу декъехь дара иза,  Асмаъ Джалиловна секретарь йолу ялхолгIа шо дара. 

 Партин    обкома КПСС-н ЦК-н рогIерчу пленуман материалаш йовзийтаран Iалашонца Iилманчийн вовшахтоьхна докладчикийн тоба яийтинера районе. Царна юкъахь вара Iилманча, пединститутан хьехархо, филологически Iилманийн кандидат Каратаев Ризван Муслимович. Республикан столице ваха кхузара дIакхелхина вара цуьнан да.
Докладчикийн тоба, иштачохь гуттара а санна, чIoгIa реза хиларца тIеийцира Асмаъ Джалиловнас, уьш лакхарчара бахкийтина хиларе терра.

Каратаевн дог-ойла карзахъелира, кхунах бIаьрг кхетча. ХIара санна аьтто цунна дагахь а хилла бацара, кIант а вуьсуш, ша аспирант волчу хенахь шен езаш йолу, хьамсара зуда елчахьана а. Гергарчарна генахь, карахь ахча а доцуш, Москвахь цомгушчу зудчуьнца хьегначу балано даг чохь тIех кIоргера лар йитинера. КIентан хIинца 14 шо дара. Керла зуда яло ойла хуьлуш а вацара Ризван. Дуьххьара кIантана зуда ялоркх, тIаккха шен a гIайгIа бер-кх, бохучу ойланехь Iapa иза.

Ткъа хIинца, Асмаъ гина, дог тохаделира, йохъелира дог-ойла. Хаац и хIун дара а: я жима зуда кхуьна даго ма-лоьхху хаза хилар, я тIех хьалхе ненах ваьллачу шен кIантана цунах къинхетаме, дика нана хила мегара-кх, аьлла хетадалар, я и шен дай баьхначу меттигера бакъйолу оьзда йоI-ламанхо ю-кх, аьлла хетадалар дара а, — амма, и дерриге а цхьаьна а нисделла, кхолламаш цхьаьнахиларе болчу сатийсамашка велира Ризван.
Пропагандистски мероприяти чекхъялла бутт баьллачул тIаьхьа Асмаах дерг, районехь ма-дуьйццура, герггарчу хьесапехь дерриг а хиира Ризванна. Шен Iалашо кхочушъян ойла хилира цуьнан.  БIаьсте яра, меттахдолучу гIaпатаро доккхадедора жимIалам, Ризван тешна вара, Асмаъ шех кхета а кхетта, шаьшшиннан дегнашка а х Iокху исбаьхьчу, хазчу муьро, гонахарчу Iаламе санна, даккхийдер кхачориг хиларх.

, Риз¬ван цIе йолчу тIехьийзачу кIанта хьайна атта долччу метте ирахь латта кхойкху, аьлла хабар деъча. «Савриевна хаахь?» — ойла иккхира нIеххьана коьрте. «Хаийта. Коьртаниг — со цхьанхьа а гIуриг цахилар ду», — аьлла, ша-шен тейира цо. Ткъа лулахочунна тIедиллира ша адамашца къамел шен кабинета чохь бен деш цахилар дIахаийтар. Цуьнца цо дIахьедора, белхан къамелаш бен, кхидолу къамелаш шена дезаш цахилар. Лулахо кхийтира Хумпаровас бохучух, амма цо хIилла дан сацам бира. Цо жоп делира Ризване, белхан хенахь муьлххачу минотехь а шен кабинета чу ван мегар ду, боху, аьлла.
«Бакъ а ма ду, — ойла йира Каратаеве, — кхиъна догIу зуда-бер санна, нехан чу я шовданан йистте лелар ма яц иза. Цундела кхечанхьа яха а товш хетар дац цунна нахах. Мухха елахь а, райкоман секретарь ю-кха иза...»

— Де дика хуьлда. Чуван мегий? — Асмаъ йолчу чувелира Ризван.
— Марша вогIийла, — жимма йоьхна хиларца    шен гIантара хьалаайелира Асмаъ.
— Баркалла, Ма хаза ду хьо йолчохь! Зезагаш а... Сан хьалха тидам а ца хиллера.
— Хьо цхъаъ ву я накъосташца ву?
— Суо ву. Хьоьца хIайцца гIуллакх долуш а  ву.
— Соьца-а? ХIун гIуллакх долуш?

— Шатайпа гIуллакх дера дара иза дан-м, — хьовзавелира Ризван. Цхьана aгlop, товш дацара ша тIедеанарг ма-дарра дIаала. Ткъа вукху aгlop, юьхьана воьхна хила а ца лаьара. ХIунда аьлча, и тешна вара Асмаа xlapa меттиг шена шен дагахь а цхьацца хIуманаш долуш йиллина хиларх. — Даима а хуьлуш долу дахаран гIуллакх дукх. КъинтIераялалахь, дIай-схьай ца ийзош, ас ма-дарра хьайга дIаалахь.
— Дийцал ахь. ЛадугIуш ю со-м. — Асмаъ Джалиловнас шен тIуллакхаллин аз ца хийцира.
— Со цхьалха стаг ву, Асмаъ. ХIинца   воккхахиллачу цхьана к Iантанаца суо Iаш ву со. Зуда еллачу хIокху шерашкахь цхьаьнгга а цу хьокъехь дагара ца дийцина ас. Бехк ма биллалахь, суна хьо рIoгIa дика хетта, оьзда а, къинхетаме а, хьайн гIуллакх дIалелош а стаг хьо хиларна. Суна хетарехь, цхьаьна хилча, дика а, ирсе а хир дара-кх вайшиннан дахар. Цунах лаьцна дийца вайшимма?
И дерриге а оццул лерина аларо Асмаъ Джалиловна сихха дала  жоп доцуш йитира. Эхь хеташ а, даггара а, лерамца а аьлла дара  Ризвана аьлларг. ХIумма а коча таттар а, кIордавайтар а доцуш, хила дезаш мадарра, шашаха аьлла и дешнаш чIогIа цхьаьнадогIура Ризванан куьцехь хиларца, цуьнан баккхийчу, эсалчу бIаьргашца.
— Суна... суна хаа а-м ца хаьа, хьуна хIун жоп лур ду... дерриге а цхьа тамашийна... Бехк ма биллалахь.

Хьала а гIаьттина, коре елира иза, яр-йитарх лаьцна оццул кIоргера хIуманаш дуьйцуш, хьаькаман меттехь хиъна Iер бакъахьа а ца хетта. Ткъа важа, ша хьаша хиларе терра, хиъна Iара.

— ЦIера кхузара ма ву со. Суна хьо шоззе а гергара ма ю.  Партийни болх а, иза бен хьуна бан ца лаахь, гIалахь а карор бу.
— Ризван, хIинца а вовшийн цуьрриг а довза ма ца девза вай.  ШозлагIа бен гуш а дац. Кхечу хIуманах лаций дийца вай. Мадарра аьлча, маре яхаран ойла ас цкъа а йина а яц.
Асмаа хIуъа дийцича а, Ризвана хIинца и тIеоьцур дара, гIиллакхах ца вухуш. Цундела хIокху бIаьстенан юьхьерчу баттахь  шен диканах дуьзначу дагахь мел IаьIнарг, ца лечкъош, охьадилла лиира цунна.
¬– Мегар дац ишта беккъа цхьана балхана тIе а йоьлла Iан. Хьайн ойла а ян ма еза Бехк ма била, хьуна сан хьехьарш оьшу, бохург а дац иза. Амма сунна лаьра, хьо дуьххьара гичахьана, сан даг чохь хуьлуш долчух хьо теша. Суо галл ца ваьлла хетта сунна, хIо кху шун исбаьхьчу меттехь йоIламанхочун оьзда гIиллакх а, цIеналла а хьайца юста мегар йолуш стаг суна хьо хетаяларна тIехь. Вайн зударийн цIийца хуьлуш йолу оьздангалла, лерамалла ю хьоьца, цу тIе, лакхара дешна а ю...

— Ризваи, ца оьшу! Дитахьа, тарлуш делахь. Ас хIинцца сек¬ретарша схьакхойкху-кх.
— ХIунда?!
— Хьоьга эрна дерш ца дийцийта. Цу тIе даьлча, со сайн балхахь ю хIинца. Сан белхан хан а йойу ахь. Мел гIуллакхаш ду сан дан дезаш. Деладахьа, ма дийцахьа цу хьокъехь кхин.
Юха вовшахкхета Асмаа меттиг билгалъяхь, дIаваха реза хилира Ризван. Цкъа тахана ша мукъа йитчахьана, Хумпаровас вовшахкхета меттиг билгалйира.
И гIуллакх хиллачул тIаьхьа цу кIиранан йохалла Ризванан ойла еш схьаеара Асмаъ Джалиловна. Дуьххьара веанчу дийнахь дуьйна и куьдехь, оьзда хеттера цунна. ХIокху кабинета чохь хIинцца хиллачо чIагIйира цуьнгахь и ойла. Оьзда дегI, хаза, эсала бIаьргаш, кIеда къамел... И дерриге а цIеххьана нисделла дара, xIapa цунна кийча а йоцуш. Савриев дагаваро кхерам тесира цIеххьана даг чу, синхаамашца бозабелла а боцуш. И стаг хIунда веана, цунна хаарна хьалха а кхийринера xIapa-м, амма хIинца… Ша цунна вовшахкхета меттиг йилларо кхунна и хIинца совбаьллера.

Диллинчу дийнахь и шиъ гIали юккъехь вовшахкхийтира. Партийни белхалочунна бевзарш ца хинболу меттиг — мохкталларан музей хаьржира цаьршимма дагара дийца. Кхузахь и шиъ шаьшшиъ дара, цу чохь йолу экспонаташ санна, къена, уьнан шарахьлера музейн белхахой ца лерича. Кхузахь кIордадаллац дуьйцийла яра.
Ризван чIогIа воккхавера шаьшшиннан цхьаьнакхетарх. Иза, гIадвахана, самукъадаьлла, дукха дийца воьллера.
— Гой хьуна xIapa, хьажал хIокху тIулге. XIapa хIун тIулг бу, аьлла хета хьуна?
— Суна-м ца хаьа.

— Мацахлерчу нехан тIулган диг ду xIapa. Вайн Къозан-Iомана юххехь кхузткъа эзар шо хьалха дехаш хилла и адамаш!
— Нохчийн хиллий хьовха уьш?
— Тамаша бу-кх. Вайн дайн орам Хьалхарчу Азехь къайлаболуш бу. Кхоъ-диъ эзар шо хьалха хурритски тайпанаш хилла цигахь Iаш, Митани («вайн меттиг» боху дош) олуш пачхьалкх а йиллина, цул тIаьхьа цунах Урарту хилла. Оцу хурритски тайпанех схьадевлла ду-кх вай. Вайх чеченцаш ала долийна кхо бIе шо хьал¬ха. Чечана олучу юьрта тIехула тиллина вайна и цIе оьрсаша.

...Хьажал, ишта гIaгI лелош хилла-кх вайн тIемалоша. Аренан мехкаш монголо-татарски арданган лаамна кIел долчу юккъерчу бIешерашкахь а, оцу арданге къар а ца белла, маьрша бехаш хилла ламанхой. Оцу шерашкахь Москвахь волчу Ватиканан пански посола (геланчас) яздина хилла дийнна шийтта шарахь ламанхоша, монголашна цхьа лам дIа ца луш латтийнчу къийсамах лаьцна. И хала, ницкъаш цхьатера боцу тIом беш, къинхетам боцчу луьрчу кочевникашна дуьхьалваьлла хилла жима а, воккха а нохчо. Оцу тIамна куьйгалла деш хилла acтaгIa таллархо, Идиг.

— Тхуна совпартшколехь оцунах лаьцна хIумма а ма ца дийцира.
Совпартшколехь хьовха, вуьшта школашкахь а ца дуьйцу иза-м. Шен къоман истори берашна йийцар вайн национализм лоруш ма ду... Деца хьуна, кхидIа а ладогIал ахь. Цул тIаьхьо-о лаьмнашкахь декъаделла Iаш долчу тайпанаша ГаланчIож олучу Iома юххехь, Нашхахь, тIеман-маршонан (военное-демократиче¬ски) коммуна йиллина. Цара, цхьаьна къахьоьгуш, цхьана боккха-чу яй чуьра юуш, мостагIашца тIом беш хилла. И коммуна вовшахтоьхнарш муьлш бу хаийта, оцу яй тIе язйина хилла тайпанийн цIераш. И яй дIадаханчу бIешарахь а, Шемилан хан тIекхаччалц, болуш хилла. Тайпа муьлха шира ду а, доккха ду а, къастош, оцу яп чу хьовса боьлхуш хилла.

ТIеман а, вуьшта я долу низам чIогIа лардеш хилла цигахь. ЭгIаза, ледарниг хIаллакьхуьлий дIаволуш хилла. ТIеман низам муха лардеш хилла, хаьий хьуна цигахь?
— Муха хилла?
— Муьлххачу дийнахь а Мехкан Кхеташо а, баьчча а, лома тIе а бевлла, тIемалой гуллучу меттехь орца даккха йиш йолуш хилла. ТIемалой мел сиха вовшахкхетахь а, уггаре тIаьхьа схьакхаьчнарг оццу минотехь бердах кхуссуш хилла. XIopa а кхоьруш хилла ша-ша тIаьхIависарна, цундела уьш сиха схьагуллуш а хилла. Ломахь мостагI хаавелча, иза дIасацастаран зIенаш муха хилла, хьажал хьо! Хьан тидам ма хилла тIеман бIаьвнаш ломан лекхчу баххьаш-на а, тархашна а тIехь йина хиларан?
— Хилла.

— И лаан ца хилла. МостагI, лома ван дагадеана, схьа маволавелли, аренна уггаре гергахь, йолчу бIаьвнна тIехь цIе леташ хилла. КIур а гой, иштта моггIарехь ламчу хьала йолчу бIаьвнаш тIехь цIераш леташ хилла. Цу кеппара, ламанхошна хууш хилла, мостагIчун бIо тIеболалуш, цунна дуьхьало ян вовшахкхеташ а хилла. Ишта ларйина хьуна вайн дайша бIешерашкахь а, эзарнаш шерашкахь а шайн маршо, шайн мотт, культура. Ткъа вай массара а тахана къахьоьгу, халкъе и дерриг а дицдайта гIерташ. Дерриге а цуьнца дозуш дерг ширчух бухадиснарш... ду, олу вай.
— Хьо хIун, ширчух бухдисначаьрца вай къийсам латторна дуьхьал-м вац? — бегашна а доцуш цецъелира Асмаъ Джалиловна.
— Ширчу хенахьлера хIуманаш дерриге а хIаллакдина, сий саздина дIадаха аьлла ма дац, — велакъежира Ризван.
— Ламаз деш а хила мегара хьо?
 — Гой хьуна, айхьа стенна тIе даладо? — велавелира хIйнца Ризван. — Бехк ма биллалахь, оцу шун совпартшколехь дерриге а стеган хьех дилха дарна тIе хьажийна ду, моьтту суна, тхан цхьана доцентаний дайна. ХIан-хIа, ас бийраш бегашаш бу, вас ма хилийталахь, — юха а бехказвелира Ризван, райкоман секретаран юьхь кхоьлуш а гина. — Дукха хIуманаш ду шу партийни идеологаша, ца дешаш, тIехтосий дуьтуш. Адамийн культура ца кхуьу оьздангалла йоцчохь, xIopa дийнан дахаран а, иштта динан а хьашташ тидамехь доцчохь. Дерриге а «бухера дуьйна» дохийна дIадаккха сихделча санна хета суна вай. Суна-м чIогIа луур дара хьо хIокху дуьнене кхечу бIаьргашца хьежа, цуьнан маьIна шордеш а кIаргдеш а.
И дешнаш гIеххьачул хьакхаделира Асмаъ Джалиловнех.

«Институтан хьехархо бен воцчу кхуо Iамо йиссина хилла, тов, райкоман секретарь? И хIун, шена дукха хаар гайта гIертар-м дац? Ша волчул а хьекъале ву, мотийтар-м дац? Стенна оьшу иза? Соьга дукха дика бало сайн болх. Цу тIе даьлча, Савриевн дерриге а ду xIapa тайпа бIе Iилманийн кандидат эццал. Кисанаш мохо лоькхуш, деса долчеран Iедал ду нахана хьехамаш беш. Царах ву xla¬pa а. Бага а сацийна, IаддаIахьара хьо. Ишта суна гергахь хазахо-о вара-кх хьо. Кхин цхьана пхеа минотехь а бага дIа ца сацаяхь, гуттаренна а дIадолу-кх хьуна хьоьца дерг а».
Иштта хила а хилира. Ризване ладоьгIуш дукха ца Iийpa Асмаъ. Цо, цхьа йист а йоккхуш, доцца хадийра:

— Доцца дийца вайшиммо, Ризван. Со Iадйитахьа. Со цхьаьнгге а маре яха кечъелла а яц. Ас забар ца йо. Со Iадда а йитий, хьайна кхин нускал лаха. Со бахьанехь кхин тхо долчу а ма вола. Телефон а ма тоха. Кехаташ а ма язде. Тарлуш делахь. Бехк ма билла.   И  ду-кх  хьуна!
Цул тIаьхьа ши шо даьлча «Хаар» юкъараллин республикански правленера интернационализмах а, национализмах а лаьцна кечйина лекци еанера. Нохч-ГIалгIайчохь националистически гучудийларш хилла, бохуш, масал дара цу тIехь далош. Ша аьлча, цу тIехь яьккхина яра Каратаевн фамили а, цкъа-м ши нохчо бен чохь воцчу аудиторехь нохчийн маттахь вистхила гIоьртина, бохуш. Бакъдерг дийцича, лекторо, шена бехк цабиллар а дехна, кхидIа оьрсийн мотт бийцинера. Делахь а бакъдерг бакъдерг хилла диссира: дагахь а доцуш нохчийн маттахь къамел дан гIортар а национализман гучудийларех цхьаъ леринера.
Асмаъ Джалиловнас районан къинхьегамхошна масийттазза а йийшира и лекци, цуьнан фамили таIIош чIогIа а йоккхуш. ХIоразза а гIардохура мохкталларан музейхь оцу «хьекъал» долчо шега дина къамелаш.

***

1977-чу шарахь, районехь мел лаххара а 20 шарахь болх а бина. Грозный гIала, карайогIу хIума мел кIезиг елахь а, лаккхарчу, лоруш болчу балха дIавахара Савриев. Оцу шарахь Асмаъ Джалиловнин шовзткъа шо кхечира.
Савриевна дагадеанера, республикан начхье—гIалахь мего болх а лехна, квартира а эцна, шен езар а цига дIайига. Амма хIуманна атта духе кхуьучу даго хьийхира Рукъетана, пенсе ваха хан кхочуш йоллучу къежвеллачу майрачунна и саннарг дагадан мегара, аьлла. Цо цуьнга доцца дIахьедира:

— Кху деношкахь районе яхане
ра со. Хьо    и Хумпарова боху хье боцу кхахьпа гIала схьадалон гIерта, бохуш, хабарщ ду цигахъ, Нагахь и ишта хилахь, со а, сан бераш а хьоьца цхьана тхов кIел Iийр цахилар сецна бакъ. ду. Хьайна лаахь, хецнна хIокху чу ялор, ю ахь иза!
ГIовгIанаш ца яха сацам хилира Мухарбек Мунашевичан. Бе¬раш хIинца, бакъ а долуш, даккхий хилла. Безамашна тIехула девнаш лелон хан а яц. Районехь йита а мегар дара им, дага мадеъа, и йолчу лелар ву-кх, — сацам хилира цуьнан.
Амма тIаьхь-тIаьхьа и йолчу кIезиг кхача волавелира иза. Къаьчча а, Асмаъ а ца хуьлура башха йоккхаеш. Къаьсттина-совгIаташ доцуш веъча. ТIаьхь-тIаьхьа, цхьалла хIун ю, хаа йолаелира иза.

Деваша Исмаил кхелхира. Ткъа деца Хьаьлимат кIентан жи¬мах волчу кIантаца Iapa. Украинка ялийца волу цхьаъ бен воцу кIант Казахстанера цIа ца воьрзуш висира, цунах догдиллира Уьш бара-кх и Асмаан гергара нах.
Савриев дIаваханчул тIаьхьа Асмаъ Джалиловнина хааделира гонахара нах шеца, хьалха санна боцуш, хийнабелла хилар. ЦIахь а, арахь а, балхахь а. Бутт хьалха уьш кхунна къежара, хьесталора, хIокхо дийриг даздеш лелара. Ткъа хIинца xIapa балхара дIаяьккхича санна бу. Ткъа xIapa райкоман шолгIа секретарь ма ю хIинца а!
«Нах йоцу адамаш! Гуо баькхина нах йоцу хIуманаш ю»,— кхеташ йогIура тIаьхь-тIаьхьа Хумпарова. Кхета мел кхета, оьгIазе хи¬лар совдолура. Нехан хIуьттаренна уггаре еза, импортни хIуманаш юхура тIе. Муха хета шуна, бохург санна, курорташка лелара. Савриев дIавахарх, суна хIун дан ваьхьар вара хьалхара секре¬тарь, со-м хIинца а лакхахь хьаха ю, бохург гайта  гIертара иза гонахчарна. Ма-дарра аьлча, пайданаш тIебаийтаран шоръелла дIахIоьттина система хIинца а йолуш яра районехь.

Хьалхарчу секретарана хIума латтайора заготовительни системо, райпищекомбинатан, лесхозан, совхозийн директорша, колхозийн председательша. Къаьсттина йоккха хIума кхочура, керланиг цхьана балха вохуьйтуш. Цундела хьалхарчун гIaйгIa хуьлура оцу ахчанан галех, гIовгIа-питана а доцуш, мила дIавоккхар вара-те, мила кхерийна, алссам хIума йоккхур яра-те, хIун произ¬водство юкъайоккхур яра-те цуьнан куьйгалхочун меттиг лаккхарчу мехах дIайохка, бохуш.

Вукху шина секретарях цхьаъ идеологи лелош хуьлура, важа промышленностьца а, транспортца а, зIенаца а долчу гIуллакхаш-да возавелла хуьлура. ХIетахь диллина махиллара, хьалхарчул тIехдаьлча, цхьа секретарь зуда, важа оьрси хила везара. Нагахь оьрси зуда каринча, ши секретарь меттигерчу къомах хилар магош дара.
Деца хьуна, идеологихула волчу секретарана тIебогIу пайда, коьртачу декъана, школийн директорийн меттигаш йохкарца бара. Районон заведующис къаьънаш оьцура: бархIшеран школан директорера цхьаъ ах эзар сом, гIеххьачу юккъерчу школан директорера ши эзар сом, йоккхачу юккъерчу школан директорера кхо эзар сом, ткъа йоккхачу школа-интернатан директорера пхи эзар сом. Нагахь директор шен меттехь бархI-итт шаре волуш вахвелча, цуьнгара юха а хIума яккха цхьацца бахьанаш лоьхура. Балха тIехь нисъеллачу ледарлонашна а геч ца дора директоршна. Аьр вай, дешархо маре яхар, бераш школе деша дахкаран барам лахара хилар. Къаьсттина—цара болх бен ши-кхо шо дIадаьллачул тIаьхьа. Бакъду, хьалхарчу цхьана-шина шарахь коча ца гIертара. Кхаъ эцна дукха хан цахиларе терра. Савриевс, новкъарло ца йора Хумпарована цу кеппара шена хIума гулъян. Цо новкъарло ца йора шен тидамна кIел йолчу меттигашкара хIума яккха кхоалгIачу сек¬ретарана а.

Шен метта веанчуьнга Савриевс аьлла дара, Хумпарова шен болх бан Iаддайиталахь, лакхарчу балха дIаваххалц йолчу хенахь а дира ша керлачу, лакхарчу балха дIаваххалц йолчу хенахь.
Ткъа хIинца — и Тарамов... «И мераIуьрг! Со бен хIун ду, боху кура Iийжарг. Болтун! «Горбачевски духахийцина-дIахIотторан тIех чуьраваьлла гIолацархо, — цунах цхьаболчара и олуш ма хиллара. Нийсолелорхо а хилла дIахIоьттина шен дагахь. Нах эвхьазбохуш ву. Хьажахьа, районерчу идеологически хьолана а реза вацийца. Шен цIога-м ду хотталахь. Суна хаьа хьуна, и стенна реза вац. Со жима цахиларна реза вац. Районехь суна хьалха Iот-табаккхамаш лело товш ца хета цунна. Со цуьначарех тера яц. Цо-м, хаза а хеташ, сан метта кхин оьцур вара. Я оьцур яра? Цхьаъ хIинцале билгалваьккхина хила мега. И муха ваьхьира, мезиг, суна выговор дала? Массара а тIе а тодира! IадъIе шу, ас хоуьйтур ду шуна массарна а! Ас массарна а КПСС-е, ЦК яздийр ду, декъаза взяточникаш! Тарамовна-м моьтту хир ду, суна ша хьалхара секретарь муха веана, ца хаьа?! Схьахетарехь, наха нийса боху, цо оцу меттигах бIе эзар делла!»

Сазриев хIетале пенсе ваьллера. Кхо шо а даьллера хIинца Асмаъ Джалиловнин квартирехь и хилаза. «Персональни пенси а диллина, «сийлахь» вина, садаIа дIахьажийча, цхьа цIеххьана къанвелира иза.
Дуккха а ойланаш йинчул тIаьхьа цуьнга бала балхо яха сацийра Асмаъ Джалиловнас. «Оцу кIантана дан ма-дезза дов дийр дара-кх цо!» — ойлайора. Савриевн уьйраш хIинца а чIогIа яра. Лаа вина ма вацара цунах партин а, къинхьегаман а ветеранийн республикански Советан председатель!
Асмаъ Джалиловнин телефон кхачаро цуьрриг а цец ца ваъккхира Мухарбек Мунашевич.
— ХIа, хьо ю и Асмаъ? — хаьттира цо, хьалххе дуьйна и горгали ларбеш ша Iийча санна. Селхана бен дIаса ца къаьстича ван¬на.— Стенгара етта ахь — юьртара, гIалара?
— ГIалара.
— Тахана еана хьо?

— ХIаъ.
— Схьадийцал тIаккха, сингаттаме хIума-м дац?
— Дийца дезаш хIума дара-кх вайшиннан.
— Дика ду. Сихха цIа гIохьа. Со сарахь тIевогIур ву. Цхьаа-м вац хьоьца Iаш?
— Вац, суо ю со.
Асмаъ Джалиловна гIалара сихха цIа йирзирг, тIаккха, сих¬ха чоьнаш а цIанйина, цуьнга хьежа хIоьттира. ХIокху киртигехь иза шена деллачу оцу выговорна а реза яра, хIунда аьлча, цо таро елира ширчу доттагIчунна бала балхо. Цул совнаха, цунна хеталора, хIокху цхьаьнакхетаро шен дахарна юкъа, хIуъа делахь а цхьа керланиг дохьур ду, аьлла. «Иштта цхьа Iан езаш, со дакъазъяккхарна, мухха делла а, цхьа жоп дала ца деза цо?! Со-х хIинца шовзткъе итт шарал тIехъяьлла! Ишта йолу со хIинца хьанна оьшу?!» — хьийзара цуьнан коьрте, и ойла, хаа а хууш, даг чохь йоллуш хиллехь а, я и, ара ца эккхийта гIерташ, сецош хиллехь а.

Юьстах, хьечийн жимчу бешахь, машен а йитина, хьалха санна,
меллаша, ког байбина чувеара иза.
— ТIаккха, хIун хилла хьуна? Дийцал — меллаша элира цо,
шена тIера неIарехь плащ а, шляпа а дIа а йоккхуш. ТIаккха куьзганна хьалха хIоьттина, шен нилха, кIайелла мас ахкарца тIеттIататта волавелира.
Асмаъ Джалиловнин елха дог хилира. Амма-бIаьрхиш довллал чIогIа а ца йоьлхуш. Цо моттаргIа йира, бIаьргех хиш девлча сан¬на, юххехь кхозуш долчу гатанца бIаьргаш хьакхийра.

— Э, сан диканиг, дIаяьллахь! Елха — мегар дац. Вай а делха дуьйлалахь, нехан-м балан бен ца деза! — Гуттара а санна, чIархъаьлла хила гIертара къанвелла Савриев. И шиъ зала чу дахара.
— Багажника чуьра тIоьрмиг схьабал цкъа, тIаккха юьккъа кофе кхехкор ахь суна.
Асмаэ халла бабелира тIоьрмиг чу, иза боьттнна хиллера йоьхьах, чIеран Iаьвнах, импортни цIазамех, кофех... Шена цу чу конь¬якан шиша а диллинера Савриевс.
Хьешо леррина ладийгIира Асмаан текъамашка, иза стол кечйина яллалц хIумма а ца олуш. Шена Iаьткъина дер-дерг охьадийцина ялийта санна...
Арахь буьйса юккъе яханера. Асмаъ йолчохь, xIyн хаьа, тIаьххьара хила а мега, буьйса йоккхуш саца дагахь хилла иза цхьанххьа а ваха сиха вацара. Уггаре коьрта дерг алархьама, жимма ойла а яра ян езаш. Мухха тейина а, иза тееш, цунна гIоли еш ала дезаш дара иза. Цуьнга, эрна гIайгIанаш еш, ша-шена бала ца байта, цуьнга хIокху дуьненан кIорггера маьIна дайта дезара, иза дуьсуш дуй а, хIумма а йоций а хоуьйтуш.
— Цецвуьйлу со хьох, Асмаъ, — элира эххара а, коньякан йоьалгIа рюмка дIаяьккхича, Мухарбек Мунашевича, сервилатан цастар а кхоллуш.
— ХIунда?
— Цхьана а хIуманах ца кхетта-кх хьо.
— Стенах ца кхетта со?
— Ма холчухIитта хIума а карийна хьуна! Выговор бахьанехь иза а. Хьо хIун, къий-м ца йина оцу выговоро?
— Къийелла елара со цулле а. Оццул шерашкахь райкомехь болх беш, выговор хьовха, цкъа а дIахьедина а, бехк баьккхина а бацара соьгара! Сайн партийни биографи бехъян ца лаьа суна.
— Ца кхийти. Ца кхийти. Кхета а ца лаьа хьуна...
— Стенах кхета ца лаьа суна? Дийцахьа. Цунна ма лиънера суна хьох кхета.
— Хьуна делла выговор гомашан цIоганна тIерчу чоьн меха а дац. Гиний хьуна церан бехделла цIагарчий уьш ишалш чохь керчачу хенахь? Алапа ма ца даьккхина цара хьан дIа. Балхара а ца яьккхина. Стенна холчухIоьттина хьо? Делла-кх, деллехь, выго¬вор. Цхьана кепана дала дезаш хилла хир ду, схьахетарехь. Даларе терра дIа а доккхур ду. Оцу кIанте цхьа-ши дош эр ду ас. Я цулла а цуьнан дега.
Асмаана жимма синтем хилира. Шен кофе чекхъяккха хIоьттира иза.
— Уьш-м суна и выговор, учета и карточки тIе дIа а яздеш, дала дагахь барий дуьххьара. МаьIIаргонна партийни дакументаш бехдора-кх, — бер санна, дегабааме арз дан елира Асмаъ.

— Хьа-хьа-хьа! — шен хIиллане бIаьргаш жимма тIе а хабош, цхьаъ м дагадеана, велавелира Савриев. — Партийни документаш, бах ахь?
— ХIаъ. Кестта ткъе итт шо кхочу со партехь йолу.
— Пенсе яхча, хIун дан йоллу хьо оцу дакуматех?
— Муха — «хIун дан»? — ца кхийтира Асмаъ.
— Цкъа а дага ца деана хьуна, наха, шаьш нуьцкъашха даьхнера КПСС-е, олуш хан йогIур ю-кх, аьлла? Шайн ца довлийла а  яцара, хIунда аьлча, партехь хилча бен, болх а, гIоленаш а, сий а, кхидерг а ца хуьлура, и. дI. кх.? — кхидIа а къежара Савриев.
— Ма дийцахьа ишта. Цхьанне хезар ма ду!
— Ша массарна а дIахазахьара со, шайн хьашт делахь! XIapa дуьне мел ду, мохь бетта а эхь ца хетара суна-м!
— ОьгIаз ма эхахьа, Делан дуьхьа, Мухарбек. Кхин а кофе
йотта ас хьуна?
Цул тIаьхьа ший а жимма дист ца хуьлуш Iийра.
— ДIадаьлла дерриге а. Дош дац xIapa хIинца, — меллаша элира Савриевс.
— ХIун ца тов хьуна? ХIун ду доьхнарг? — хьастаелира Асмаъ.
— Дерриг а ду-кх, хIокху неIалт даханчу республикехь мел лелийнарг а, лелош дерг а. Западера миллионераш бIозза сов цIена а, хьанал а бу вайн министрел а, райкомийн, обкомийн секретарел а. Къуй. Акхарой. Кестта вовшийн гайш цеста, вовшийн чуьйраш яа а буьйлалур бу уьш. Стенга кхачийна адамаш оцу хьан КПСС-о?!
— «Сан» хIунда ю иза? Тамашийна дуьйцу ахь. Айххьа ма де-лира ахь суна партбилет. Дага ца догIу хьуна?

— ДагадогIу, дагадогIу...
— Дохковаьлла хьо тIаккха?
— Дохко?! — Савриев вехха ойланашка вахара. Цкъа а оццул тамашийна гина вацара иза юьхьа тIехь Асмаана. Цул тIаьхьа мухха а меттавеара иза, доккха са а даьккхира:
— ХIан-хIа дера. Дохко ца ваьлла со. Сайна йогIург ас хIокху дахарера, мухха делахь а, схьаяьккхина. Со ца хиллехь, кхин хир вара сан метта. Сол а вон, сол а сийдоцуш хила а мегара иза. Цундела цхьа а тайпа дагахьбаллам бац сан. Цу тIе даьлча, суна хуург хууш цхьа а стаг вац республикехь. Хаа ду хьуна, со, со цхьаъ угга¬ре юххера стаг хиллий обкомам секретарийн! Сан дош дара уггаре лакхара хIокху республикехь дийнна ткъа шарахь! Ишта дара гIуллакхаш.
— Меллаша лехьа. Меллаша! Лулахошна хезар ду. Кханнехь эладитанаш дIасадоло буьйлалур бу.
— Мила ву хьан лулахо? Хьалхалерра Хупиг вуй?
— ХIаъ.
— Тамашийна стаг ву. БIаьрмециг. Иза бежнаш дIаоьцучу пунктехь волчу хенахь ас хIун дина, хаьий хьуна, цунна?
— Ца хаьа.
— Хьа хьа-хьа. ХIоразза а, дага ма-доггIу, воьлу со. И Хун-и-гов шортта ахча долуш цIа вирзинера 1957-чу шарахь Казахстанера. Цигэхь цхьана складан-м заведующи хиллера иза. Кхузахь а дика меттиг карийра цунна. Грознехь доттагIий а карийра гIo лаца. Сох ваша лууш вацара. Хазчу къамелашца а, кег-мерсачу хIуьмалгашца а кIелхьаравала дагахь вара. Цкъа-м бюрохь ас дан деззарг дира цунна. Хьо хIетахь    совпартшколехь    доьшуш яра, моьтту суна. ШолгIчу дийнахь, пхи эзар сом а дохьуш, юкъарло дийца цхьаъ ваийтира цо. Цу хенахь кIезиг ахча дацара иза. Делахь а кхоччуш цуьнан маIаш кегъян дог хилира сан.

Цу шерашкахь кху районехь марехь йолчу сан йишин цомгуш етт бара. ХIинций-хIинций, охьа а кхетта, лийр бу-кх, бохуш. Ас ма-боху йише, заготскоте Хупиговга дIабала безара xIapa етт. Квитанци сан цIарах яздер цо. Хупиговс лаккхарчу дилхалахь болуш санна етт дIа а эцна, дика мах хилира йишин. ХIеттахьехь цунна догIург а дIаделлера Хупиговс. Йиша, суна баркаллаш баьх-на, дIаяхна цхьа-ши де даьлча, Хупиговга телефон туьйхира ас, ахча схьа маца дала воллу хьо, квитанци сан цlapax ма ду, аьлла. Хупиговс со волчу шен стаг воуьйту, эзар сом а дохьуш. Цхьа бутт ах бутт хан дIаяьлча, ас юха а телефон туху: ахча схьа маца ло ахь сан аттах? Хупиговс юха а бIе туьма дохьуш стаг воуьйту. Ах¬ча схьа а эцна, ас ойла йо: меллац тоьур ду-те цуьнан собар?

ШолгIачу шарахь суо отпуске воьдучу хенахь юха а телефонехь хотту ас Хупиговга: «ДагадогIуш хьуна стохка ас ши етт хьуна дIабелла?» — «ДогIу,—жоп ло цо,—хIинцца сан стаг дIавогIуи хьуна, ахча дохьуш». Ши бIе туьма даийтира цо. Отпускера цIа веара со. Кхо-биъ бутт а дIабелира. Жимма мелла, самукъадаьлла а вара со. Дукха меллера ас. Цхьа хьеший-м тIеэцнера. Жимма вон ле-ла-тe со, хьовзаве-те, аьлла, дагавеара суна Хупигов. Телефон туху ас цуьнга: «Сан аттах дерг схьа маца дала дагахь ву хьо?» — «Кхана дагахь ву-кх», — жоп ло Хупиговс. Цо цхьа стаг воуьйту кхузткъе итт туьма хиллал ахча а, кепекаш а, цаьрца цхьаьна ве¬домост а дохьуш. Куьг а таIош, ахча дIаэца олий. Ас ведомоста тIе куьг таIийра. Ахча схьа а ца ийцира. Иштта дIахьажийра ас ваийтина стаг. Со кхийтира хIинца кхоччуш Хупиговна суо кIордийна хиларх. ХIетахь дуьйна, со отпуске воьду, аьлла хиъча, xIoра шарахь а ши бIе туьма ахча доуьйтура цо суна. Ас адам дира цунах, бертавалийра. ХIинца пенсехь хир ву, схьахетарехь?

— Ву. ХIокху аьхкенан муьрана цхьанхьа-м заготовитель хIоьттина.
— Тамашийна хIума ю адам. Мел дукха шен хилча а, кхин а тIе оьшу цунна. Сутаралла, хьал гулдан лаар боьха ницкъ бу. И тайпачу моторо, шех нийса пайдаэцча, муьлхха юкъаралла а, пачхьалкх а хьалхьахьа юьгур ю. «Хьалхахьа — Коммунизмехьа!» — бохучу есачу лозунго санна а ца юьгуш. И тайпачу, шайн гIуллакх лелочу, къайлах хIума йоккхучу нехан чохь ю муьлхха пачхьалкх а. Уьш ца хилча, дерриг а даьржина дIагIур дара.
Балхара дIавала дезна дела дуьйцу хьуна но и тайпа къера хиларан, декъаза къамелаш, аьлла хетара Асмаъ Джалиловнина. Дуьйцу, цхьана лакхарчу хьаькамца цхьа хIума а къевсина, ша нуьцкъашха пенсе хьажийна дела. Цо башха маьIна а ца дора цуьнан дешнийн. ХIинца цунна дагахь цхьаъ дара башха де а доцуш, тIегIерташ, цо шен дог этIор хилар. «Сихха наб кхетахьара, дика дара-кх», — аьлла хетара.
Савриевс, шишанна чохь мел дисина коньяк рюмки чу а Iаний-на (Асмаа дуьхьало а ца йира, и мелча, аттох наб кхетар юйла хууш) дIамелира, цхьа хIума-м ала кечвелла, шен мустбелла бIаьрташ зудчунна тIебуьйгIира цо.

«ДIадижа доьду вайша», — олу-кх цо, — дагадеара Асмаана. Амма цо кхин элира:
— Пр...пер...рестройка ю вайн хIинца. Юй? Хьа-хьа-хьа! Вайн
республикехь цхьажимма а перестройка маца хир ю, хаьий хьуна?
Маца хир ю?

— Вай кхузара юха а доха а дина, миллион тоннаш хлорка йойуш, лерина дезинфекци а йина, итт шо а далийтина, аганара бераш охьаховшийча. ХIуъа хийцаделла а, тIаккха бен хийцалур дац хIумма а, вайшиннан хьомечу КЭПЭЭС...ЭСО, КЕКЕБЭ-Э-Э... на цхьаьна аьтта жарж бахьанехь.
— Собар дехьа! ДIахезар ду цхьанна. Ма дера ву тахана! Массо а боьлху пенсе, шайн хан кхаьчча. Сан а диъ шо бен ца ди¬сина. Цул агIорвалахьа. Ас спальнехь мотт буьллу хьуна.
— Суна хIунда буьллу? Вайшинна билла! Хьуна хIун, хIинца боьрша ца хета со?
— Дика ду тIаккха. Буьллур бу ахь боххучу aгIop а. Амма эрна дерщ кхин ма дийца. Хьайна хIума ца хилахь а, хьайн берашна новкъарло йийр ю ахь.
— Э-э-э, сан хьомениг, сан диканиг, хIокху шерашкахь нехан кар-кара мел деши кхаьчна, хьуна хаахьара... Республикехь а, республикал дуккха а арахьа а. Ахь оццул лоруш долчу партийна билеташ тIехьа левчкъннарш нахана ма-барра бовзахьара...
Буьйса дикка юкъал тIехъяьллера, ХумпаровагIеран чохь серло дIайовш.
* * *
Хумиарован кабинета чохь телефонан горгали бийкира.

— ЛадугIуш ю.
— Де дика хуьлда, Асмаъ Джалиловна.
— Диканца вехийла.
— Тарамов цхьанхьа-м вахана ву, боху. Хьоьга хаийта лаьара суна. Митинг ян дохку шаьш, боху-кх вайн неформалаша.
— Мичахь?
— Райцентрехь. Майданахь. Культуран цIийнна хьалхахь.
Хумпарова  ойлане  елира.  Райисполкоман   председатель  вара
телефон тоьхнарг. Хумпарована цIеххьана ала дагадеанарг дара: «Ма яйта! Совцабе! Дов дай, сийсазбай, таIзар де и дIадолийначарна!» ТIаккха Хумпаровас ойла йинарг кхин дара: «Ша деллачу выговорна  Тарамов  юьхьIаьржахIутту  волччу    агIор  жигаралла гайта еза сайгара!»
— Маца ян бохку уьш?
— Кхана Iийна, шоьтан дийнахь итт сахьт долуш.
— ХIун дийца дагахь бу уьш цигахь?
— ХIокху дIахьедарна тIехь дерриге а яздина ду... «Район со¬циально-экономически кхиоран декхарийн хьокъехь».
— ДIахьедар? Ахь хIун, бакъо елла царна?
— Ас-м ца елла, делахь а цара чIагIдо шаьш иза, мухха йина а, йийриг хилар.
— ХIан, боьха хIуманаш! Изза Гулуев хир ву хьалхаваьлларг?
— Иза а кхиберш а. Ткъех стаг веанера.
— Боьха хIуманаш! Болтунаш! Оцу акхарошна хаьа, демократи хIун ю?
— Хаац, хIун дер а. Обкоме хаьттича хьун дара-те? Тарамовс хIун эр дара-те, хаахьара?

— Мухха хилча а, деш хIума доцуш лелачу оцу хIуманашка халкъ дохадойтийла яц. Цхьа а митингаш ца оьшу! Амма, нах гулбалаза ца Iахь, царна, Гулуев а, цунна тIаьхьабевлла леларш а муьлш бу, хаийта деза! Ас эр ду хьуна цигахь ала деззарг! Ас хоуьйтур ду хьуна царна, шаьш хIун ю а, Iедал дуй а!

Районехь цкъа а гулделла дацара оццул адам. Дезденошкахь гул-м лора майданахь Культуран цIенна хьалха адамаш, дукхачу хьолахь школьникаш а, бераш а. Ткъа кхузахь баккхий нах бу, гIайгIано лецна яххьаш а йолуш, тезёта гулбелча санна. ДIадоладел къамел — оцу сохьта реза боцуш цхьабосса дуьхьала лен-м бевр бу. ЛадугIур ахь, корта а  оллор-кх.
Культуран цIийн чу воьдучу лами тIе хьалаволу Гулев. Тобанехь тийналла хIутту. Вуьшта а эхь хеташ кхйъяа волу иза воьхца, ийзалуш ву. Амма хIоккхул халкъ схьагулдаларан бахьанаша иза ир-кара хIоттаво. Синтем схьабоьрзу, аз шен кепе доьду. Къамелан шовкъехь—хаало арадаьккхинчу гIуллакхах иза доглозуш хилар, Iедало лелочух цуьнан цецвийлар, бехкечаьрга йолу даггара оьгIаз-ло. Цуьнан къамелана адам реза хуьлу. Юкъ-юкъара хеза: «Нийса ду», «ХIай, кIант яI!» — боху маьхьарий. Цуьнан аз тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш, андлуш дека.

— Ойла ел аш. Цхьайолчу ярташкахь кхузткъе итт, езткъа,
езткъе итт а проценташ мах болх боцуш лелаш бу вайн. Республикал арахьа цхьацца гIишлошъяран белхашка оьхуш, кхобу цара
шайн доьзалш. Шу России я Казахстанан уггаре юьстах йолчу
метте кхаьчча а, жима-йоккха аьчганекъан станин карор яц-кх
шуна, юххе бераш а даьхна, галеш, чамданаш текхош, цигонаш
санна, бевллалела нохчий ца гуш. Суна гина иза! Со пхоьазза вахана ишта балха, уьссалгIачу классехь волуш дуьйна, ткъа студент
волуш аьхкенан каникулашкахь ихна. ЧIогIа хала дахар ду иза.
Сатасар а, маьркIаже а ца лоьруш, дийнахь сарралц болх бан беза.
ДегI хIаллакдина ца Iаш, оцу балхо адамийн синош а хIаллакдо, гIелдо,   Оцу хьелашкахь   кIантаний,   дений, вежаршний   юкъахь а вас хуьлуш меттигаш йогIу. Масане доьзалш вовшахбевлла, цига лелар бахьана долуш! Масане декъий дохьу цигара xIopa шарахь а! Мел йоьттина хуьлу вайн больницаш оцу нахах Iаьнан хенахь!
Вайн хьаькамашна и дерриг а ца го.

 Хууш ма-хиллара, оцу аьхкенан муьрехь Кавказан Iаьржа хIорда йисте я Рижски заливан йистошка садаIа оьху вайн хьаькамаш.
Вайн газетийн а, журналийн а, радион а, телевидении а кхин хIума дац, Малхбузехь болу болх боцуш бисина нах бийцар бен. Ткъа вайн, хьовсийша, бан болх боцурш бац, «къинхьегаман совъевлла тIаьхьалонаш» ю. Оцу маршонах адамаш ирсе хилла Iаш санна. Райкоме я райисполкоме, балха хIоттавахьара, аьлла дехар дича, жоп лур ду, томка леладе, аьлла. Цкъа-делахь, зIийдигаш кхиор, дIайийгIар, асар дар, тIаккха — охьа а хиъна, гIаш тIерга тIe дозор цIенна зуьдарийн болх бу. Вайн зударша буса а, дийнахь а къа а хьоьгу томкалелорехь. Ойла ян ма еза, мацца йина а, доьзалан корта, къонах, балха хIотто везаран а! Республика меттахIоттийнчу хIокху ткъех—ткъе итт шарахь жима фабрика, завод тайпа хIума ца йина вайн районехь! Тамашийна дерг xIapa ду. Прибалтикехь промышленни яккхий предприятеш а еш, цига кхечухьара белхалой дIабуьгу, меттигера халкъ дуьхьалдуьйллушехь. Ткъа кхузахь кхин ду: еш хIумма а яц. Сибрех, Нечерноземье, Къилбаседе дIагIо, олу. ДIабаханарш шайн къомах а, цуьнан гIиллакхех а сихха  хийрабийлийтий?  Бухарчу  къомах дIатарбалийтий?

 Иза
Ишта ца хилча, кху юххехьа, Ставропольски крайхь, Ростовски областехь хIунда ца ло вайна латтанаш, болх?
ТIаккха хIунда лела кхузара нах Омски, Псковски, Калинински, Новгородски областашка дIабоьхуш леларш, дассалучу лаьмнащка уьш хьовсоран меттана? Вай дохадале, 1944-гIа шо тIекхачале йолчу хенахь, иттаннаш эзарнаш бахархой бара лаьмнашкахь бехаш. ХIинца цхьайолу ярташ дIаевлла ца Iаш, дийнна районаш а дIаевлла! ДIаевлла ЧIебарлойн, Итум-Кхаьллан, Шаройн районаш. Вайи базаршка жижиг, даьтта, кIалд, нехча дуьххьалдIа цигара йохьуш яра! Ткъа хIинца вайн ламанхой гIаларчу туька-нашкахула маргарин а, къен елла котамаш а лоьхуш лела. Кхеташ  дац, хьанна, стенна оьшу халкъаш иштта вовшех иэдар? Тешна ву со иза оьрсашна, казахашна, жуьгташна, кхидолчу цхьана а къомана а оьшуш хIума цахиларх. Масала, хIокху дерриге шерашкахь кхечу къаьмнашачул дукхах таIзарш, бала лайна оьрсийн халкъо. Цунна бехке бу вайн декъаза идеологаш, коммунизман маьIна а шайх терра бен долуш боцу.

 Вайн юкъаралла, мекхайоьлла хIума санна, хIаллакьеш болу бюрократаш бу бехкенаш. Оццул нийса ца догIуш хIума ду-те нахана шайн республикехь паргIат баха таронаш кхоллар? И ма-эллинехь, хIунда йо, националист ву, олий, стагана тIехь билгало? Вай хIун, нохчий кхечу къаьмнел тоьлу, бохуш-м дац? Вай хIун, ваьшца Iаш болчу кхечу къаьмнийн векалшца вон Iийна, бепиг-туьха ца доькъуш   лела, цу беса?   Халкъаш нуьцкъашха вовшех иэдеш, царна юккъе гамонийн а, вас хиларап a xIy стенна туьйсу вай? Сталина цхьана хемахь иза ницкъаца деш хиллехь, хIинца болчу вайн куьйгалхоша иза экономически кепашца дIахьо, стагана вала меттиг а ца юьтуш!    Адамаш    шайн дай баьхначу мехкех, гIиллакхех, къоман    культурех    дIахедорхьама хIоттош-м яц вай социализм а, коммунизм а? Ван кIезиг лелор ду, тов, кхечу къаьмнашца долу доттагIалла, вешан республикехь вай маьрша, зовкхе дехаш хилча? Вайна ца оьшу вешан къоман ишколаш? Оцу ишколашкахь хила мегаш дац халкъ,    къам   ма-дарра довзийтаран, берашна Iаморан Iилма? Лаьххьара а хIун хили вай на къаьмнаш нуьцкъашха вовшех иэдаран политикех? Вайна хили Казахстанехь,  Прибалтикехь,  Закавказьехь  болу  хиламаш. Ткъа Новый Узенехь олучу меттиго вайга    кхоьтуьйтуш эли:    яхийтал цкъа кхузара, хьоме кавказцаш, шайн цIехьа! Эзарнашца цигара бевдда баьхкина нах Грознехь гостиницашкахь а, интернаташкахь а дIасанисбина бу. ХIинца обкомехь а,

Совминехь а, хIун дийр ду ца хууш, бевдда лелаш бу. Тешам буй, кхечухьара а иштта лохкур бац, аьлла? Сийлахь-доккхачу вежараллех а, доттагIаллех а лаьцна на йолчу еккъачу цхьана лозунгаш тIехь гена вахалур вац. Оьрса ша олуш ма-хиллара, нуьцкъашха диканиг хилалур вац. Вовшаша мара деттало, обанаш  ала, бохуш, нуьцкъашха    тIеттIа    хIунд, ийзадо халкъаш, церан экономика а, дахар а кхиийна дIахIотторан меттана? Хьовсал, Европехь дийриг и ма ду. Халкъийн вежаралех лаьцна цхьа а лозунгаш а йоцуш, кестта шайн пачхьалкхашна юкъара дозанаш дIадохуш бу уьш. Иза а — «неIалт хиллачу капитализман дуьненахь», вайн социализман хьекъална, дахарна «луьра кхерам тийсина» долчу.
Сих-сиха шен цIечу блокнота тIе цхьацца дIа а яздеш, райисполкоман председательца стоммачу хьеха тIехьа, хьулъелча санна лаьттара Асмаъ Джалиловна. Райисполкоман председатела кура базлой тIеоьхучу шен белхахошна а, милиционерашна а цхьацца хIуманаш тIедохкура.

Гулуев къамел дина велира. Митингехь болчара тIараш туьйхира. Цхьанхьахь-м, «Ура!» бохуш, маьхьарий хьоькхура, цхьамо-м «хIай, кIант яI» бохура. Къамел дагтара, реза хиларца тIеэцнера наха.
Ламеш тIе хьалавелира чIогIа сйнтем боьхна, оьгIазвахна цхьа воккха стаг.
— Со вевзий шуна?! — гIори-гIоддах мохь туьйхира воккха стага.
— Вевза дера, — жоп делира тобанна юкъахь.
— Ткъа суна шу хIун ю а ца хаьа, я хааре са а ца туьйсу! Шудеш хIума доцуш, араевлла лела бездельникаш ю! Аш бехъеш вайн район, вайн куьйгалхой. Шу саннарш бахьанехь 1944-чу шарахь вайн халкъ дохийра, дуккха а хан яьлча, ах бен буха ца дуьсуш, цIа дирзира! Хьаьнга ладоьгIу аш? Оцу беран тIорзано хIун юьйцур яра шуьга? Цул а вайн райисполкоман председателе, райкоман секретаре ладогIа! Цара вониг эр дац шуьга.
— Хьайн цIа гIохьа, воккха стаг, йоккха стаг а ю хьуна сагатдеш, — тобанна юкъара мохь туьйхира цхьамма. Цхьаъ-м велавелира.
— ХIан-хIа! Цхьанххьа a гIyp вац со кхузара! Аш вахийтал! Ткъа шу саннарш хIинцца милицис хьовсо беззачу дIахьовсор бу!— кхерамаш туьйсура воккхачу стага.
— Ахь валийра иза? — хаьттира Хумпаровас райисполкоман тредседателе.
— ХIаъ, — меллаша корта таIийра вукхо.
   — Дика ду. Аса а масийттанца къамел дина. Уьш бу бистхила безаш.
Воккхачу стага-м кхидIа а дуьйцура:

— Кога ирахIоьттичахьана, болх беш ву со! Болх бен, хIумма а ца оьшу суна! Шовзткъа шарахь трактористан болх бина ас! Цхьаболу шабашникаш санна, сайна цIа дан а ца гIиртира со. Суна машен ца оьшу. Со пачхьалкхан стаг ву!
— Дина хила делара ахь и цIенош. Дуьне мел ду дIасабаханчу хьан кIенташна чохь Iан меттиг хир яра-кх! — юккъера схьа мохь туьйхира цхьана зудчо.
— Сан яккха юьхь яц шун! Цхьаний хIуманна тIехь a! XIapa ду-кх сан куьйгаш, — элира воккхачу стага, шен декъа, ахкаргаш дина куьйгаш коьрта тIехула хьала а ойуш. Даима а болатан трос дIасаийзийна цо, хедийна, йина чевнаш а, ремонташ ечу хенахь лазийна, йинчу чевнийн моьнаш а дара царна тIехь. — Ткъа хIорш сан совгIаташ ду! — кисана куьг а дахийтина, мерах хьокхучу йовлаккха юкъо хьарчийна цхьа бонг йолу ачгаш схьаехира воккхачу стага. ДIахьаьжча, уьш хиллера масех мидал а, тайп-тайпанчу шерашкахь елла «Социалистически йохьаллин толамхо» аьлла йолу значокаш а. — Кхузахь къамелаш дан бакъо яккха аш, ас санна, болх а бай. Ткъа хIинца дIасадовла, дIагIо кхузара, хабарчигаш! — дерзийра воккхачу стага шен къамел. Цец а велира нах сихонца дIаса ца бухуш латтарх.

Тобанна юкъахь воллушехь къамел дан волавелира цхьа джинсови куртка йолу жима стаг. Цуьнга ламин тIегIанаш тIе валар дийхира.
— Со стохка цIа веана эскарера, Афаганистанера, — дуьйцура
жимчу стага. — Болх боьхуш, хийлазза колхозе, райисполкоме,
«Сельхозтехнике» лелла со. Массанхьахь а цхьа жоп ло: «Болх
бац», Цундела дерриге вайн адамаш республикал арахьа гIишлошъечу дIабоьлху. Вай долчохь ян хIунда ца мега и гIишлош?

Шовзткъа эзар стаг вехаш волчу вайн районехь цхьа а парикма¬херски, мачаш, телевизорш тоен мастерскойш яц, райцентрехь ерш бен. Ткъа вайн ярташ яккхий ю, шиъ, кхоъ, пхиъ эзар бахархон а бехаш. Ткъех километр юххехь эрна йогуш газах летта цIераш ю, ткъа вешан ярташка газ яло ца лаьа. Некъаш ду, йочана хилча, говрашца я тракторшца бен, дIаса а ца вахалуш. Нехан доларчу цIенош чу ехкина ю ах библиотекаш Шаьш кхоьлличахьана схьа районерчу цхьана колхозо, совхозе шайн къинхьегамхошна цхьа квар¬тира ца йина! Луш долу дакъош а чIогIа хала ло вай, бархI-итг соти хиллал иза а. Аьр вай, цу тIехь цIа дан-м мегар ду. PaгIy, хьаштагIа а. Мичахь ен еза ткъа картолаш, хохаш, жIанкаш? Юха а гIала ваха веза? Вай ваьш алсамбохуш ма бу яа хIума лоьхуш берш, гIалахошца гийзигашкахь (очередь) къинсабалийта санна. Суна хетарехь, вайн хьаькамийн кхидолчу хIумаца бала а бац, шайна отчет яла план, план, план... хилчахьана. Жижиг схьало, даьтта схьало, томка схьало! Районехь Iаш велахь, томка а леладе. Социализмехь а доцуш, крепостной бакъонан лоллина кIел Iaш санна!

— Аш массара а дуьйцург кхин ду,    накъостий! — ламеш тIе велира бIаьрсаш  доьхкина озо къонах. — Вай х Iун до цIенойх, балхах, кхидолчу зовкхех, вовшашна хьалха гуш лаьтташехь вайн халкь а, къам а долчуьра дIадолуш хилча?! Шен къоман маттахь яздан а, деша а хуурш банне а бац ала мегар ду. Цхьа миллион гергга долчу къоман шен маттахь арадолуш цхьаъ хилла а журнал а дац. Хилча а, хIинца цхьаьнгга а дешалур а дацара иза.Меттигер чу телевидении къоман маттахь йолу передачаш ткъа—ткъе итт минотал сов ца йолу, уьш а гойту сарахь, диъ я пхи   сахьт даьллачу хенахь, ткъа цу хенахь массо, а балхахь хуьлу, телевизоре хьа-ж къена пенсионераш, цIийнананой бен ца буьсу. ХIун ду ткъа вай историна тIехь дийриг? Кхузткъе итт шарал тIехдаьлла Советан Iедал—хIинца а язйина яц Нохч-ГIалгIайчоьнан истори. Цундела Iилманчашна нохчий а, гIалгIай а шайн лаамехь    Россина юкъабахана 200 шо кхаьчна, бохучух терра хIуманаш дагадогIу. Цунна реза ца хиллачунна таIзар дора, балхара дIавоккхура,    национа¬лист ву, олий цIе туьллура. ХIинца а бац    Грознехь    меттигерчу къоман турпалхочунна я литературин, искусствон гIуллакхъхошна лерина хIоллам. Къоман театран гIишло ян. Оцу а, кхечу а гIуллакхех хуьлуш ма ду халкъ, къам. Ткъа вай, жим-жимма доьрзуш, шен мотт а, истори а, шен ламасташ а   доцуш,    адамийн   цхьана есачу тобанан куьце доьрзуш ду.  Гобаьккхина долчу къаьмнаша меттахдохуш ду и гlулдакхаш. Вай ма чIогIа кхерийна, хьаьшна, хIаллакдина хилла-кх, перестройка йолаелла пхи шо дуьзча а, баланаш хьахор-м хьовха, уьш дагабахкийта а кхоьруш долу! ГIуллакх ишта дIадаханехьара, ваьш нохчий а    гIалгIай а ду,    ала а даьхьар доцчу хьоле доьрзуш дара вай. Цунна    бехке   московски Iедал дац, вайн вешан хьаькамаш бу, шаьш тIехевшинчу лекхачу болу!

Цхьаболчийн хьестабалар-м колонизаторна, Ермоловна, цуьнан Грознерчу памятникана хьалха сужде зхаре дIакхаьчнера! Шайн дендай байинарг, дийнна ярташ ягийнарг, маршо еза адамаш хIаллакдинарг иза ца хилча санна! Маца кхетар ду-те вай, маца хир-те вайх шен васт а, ламасташ а долуш, уьш кхидIа а кхиа а деш долу халкъ? И бакъо вайна Ленина елла ма яра! Оцу Лени¬на ша аьлла ма ду, кхечо аьлла доцуш цхьаний маттехьа, цхьаний халкъехьа озабезамаш лелон ца беза, массо халкъаш а цхьанийсса бакъонаш йолуш ду, аьлла. СССР-н Конституци тIехь яздина хиллехь а, и тайна ойланаш деххачу шерашкахь чloгla зуламе лоруш дара  вайн...

Цул тIаьхьа лами тIе хьалаелира цхьа ерстина зуда. Шел хьал¬ха къамел динчунна дов дан йолаелира иза, цо ца оьшу хIуманаш дийцира, бохуш.

— Хьан Конституцис сан етт бузор бац! — мохь хьаькхира цо. Цул тIаьхьа, митингахошкахьа а йирзина, шен къамел кхидIа а дIадехьира. — Адамаш, хьовсийша хIокху колхозан председатело лелоче. Стохка цунна ЦIен байракх елла, ткъа хIокху шарахь иза цIенна хьераваьлла. Лаьттан тIаьххьара кийсиг-футболах ловзаран майда—дIааьхна, ткъа цигахь жимма бажа меттиг хуьлура сан аттана. Цкъеллиг-цкъа а оцу сан бакъабеллачу аьттан даьIахкийн къилара вер вац иза. Сайн исс берана xIyн дан деза ас, туьканахь маргарин а ца хилча? Шекар мукъане мича дахана, гуттара а оццул лаьттина долу? ДIабаханчу баттахь сайна доьхкинчу сабанац кийсигах ас хIун де? Цхьа колготка юьттур ю я майрачунна маж яша дIалур ду?

— Майрачунна лур ду-кх. Майра Iалашван веза, бераш-м кхин а хир дара шун, — мохь балийтира тобанна юкъахь цхьаммам.
— Футбольни майдана хIунда леллара ахь хьайн етт? И хIун, футболах ловза Iамош-м бацара ахь? Лаьмнашка хьалагIол хьо, хьайн майра а, етт а эций. Цигахь буц а шорта ю. Маж ца яшарх, аддамо а бехка буьллур бац.
Тобано «гIyгI» дора. Стомма зуда лами тIера дIаяла дагахь яцара.
— Эхь ца хета-кх шу нахана! Кхуза хIунда даьхкина шу, бакъдерг юьхьа дуьхьала ала даьхьаш ца хилча? Нийсса дIа ца олуш,
хьийзаш дохку шу. Председателан хьокъехь ас ала деззарг аьлча,
марош дIадерзош дохку шу! Хьуьлла дечга тIехьа дIалечкъина ду
райисполкоман председатель, и Хумпарова боху заббари а. Цаьрга
хIумма а хIунда ца олу аш? Меллац Iийр ду шу царах кхоьруш?
«Нийса ду!», «Нийса боху цо!» — гIовгIанаш ехира митингехь болчара. Юха а тIараш туьйхира. Эццахь Хумпаровага кхидIа са ца тохаделира. Iаьржачу къийго санна, шен тIаьрсиган плашан тIемаш а лестош, ламин тIегIанашна тIехахкаелира Хумпарова.
— ХIан, со ю шуна Хумпарова! Схьадийцал! ХIун дара шун


суна ала? Шух кхоьру, моьтту шуна, со? Суна ца    хаьа,    моьтту, шуна хIун оьшу, шу муьлш ду?! Со зуда ю-кх. Цхьаъ. Цхьана. Амма суна эхье-м хета аш лелориг, божарий бу бохучара лелориг. Стенна вовшахкхетта шу? Iедална дуьхьал а? Партина дуьхьал а? ХIун далур ду шуьга? Чонаш качлур ю шун! Базарахь зударша санна, эрна баганаш леян майра ду шу. Болх бан-м цхьанна а ца лаьа!..

Тобанна юкъахь гIoвгIa елира, шакарш йийкира. «ДIаяккхийша иза цигара!» — мохь хьоькхура цхьамма-м. «Шен Савриевна тIаьх-хье дIахьажае», — хезара вукху йистехь. Шен кIеда, кIайн буйнаш а лестош, Асмаъ Джалиловна-м кхидIа а чапгIанаш етташ йоллура:
— ГIовгIанаш стенна йо аш, шакарш стенна етта аш? ХIун ца тоьу шуна? Культура кIезиг ю шуна? Искусство кIезиг ю шуна? Кхечанхьахь карор яц шуна «Вайнах» санна хелхаран ансамбль. Вайн цIеяххана гIараваьлла волу хелхарча Махьмуд Эсамбаев хIокху дерриге дуьненахь массанхьахь а чекхваьлла!

— Цкъа мукъне, вай долчу а веана, хелхавели велара иза, ша xIapa дуьне мел ду лелаш! — мохь туьйхира тобанна юкъахь.
— Аш иштта, хIинца санна, тIеоьцур вара-кх иза, — жоп делира Хумпаровас. — Эхь хета суна аш лелочух. Шу хIун, телевизоршка хьийсина? Кхечанхьахь а митингаш еш хилча, царал тIаьхьа ца диса дагадеана шуна? ДIахаа ду шуна, ойла елаш: тхуна хаьа шуна, xIapa дIадолийнарш муьлш бу. Тхуна хаьа, халкъ меттахдаьккхинарш муьлш бу. ЙоггIу са оьцур ю-кх шуна цара!
— Тхо-м лечкъаш дац хьуна, — мохь туьйхира райкоман сек¬ретара къамел дечу хенахь юххехь лаьтташ а, оьгIазъоьхуш ладоьгIуш а волчу Гулуевс.
— ХIай, деяла, ма    эвхьаздевлла шу! Ма эхь ца    хета шуна! Шайн школера бераш а иштта Iамадо хир дукха аш. Коммунист ву, аьлла цIе а ю-кх! IадъIе хьо, хьан гIуллакх-м партийни кепехь къастор ду вай. Хьо санначех паргlатъяьллачу партина, чIагIъялар бен, хIумма а хир дац.

— Кхерамаш ма тийсахьа, Асма, хьо дика а ярий! Хьо цхьаъ
ма яц цигахь дерриг къастош ерг! — мохь туьйхира тобанна юккъера.
Митингхоша «гIyгI» долийра. ТIараш туьйхира. Лами тIехь мел латтарх а, кхин дIа ца дийцийтира Хумпаровага. ТIаьххьара а, хьала а яьлла, цунна юххе дIахIоьттира лекха, оза зуда. Митингхошна иза евзира, Районан библиотекан белхахо яра иза.
— Райкоман секретарь ю бохучу хIокху зудчун меттана хилча, перестройка йолалушшехь, заявлени охьа а диллина, дIаяхана хир яра со. ХIун бакъо ю кхуьнан вайна кхузахь хьехарш дан? Елахь а, яцахь а, тхьусйоьллачу заманан меже, эхиг ю xIapa. Оццул долчу шерашкахь хьанала интеллигенци дог-ойла охьатаIийна, син лайш бина лелочу хенахь Савриевн тIома кIел а лечкъина, парка тIехь шена луъ-луъург деш, нахах ца ешаш, дуьненан марш бетIина, ког хецнна Iийна стаг ю xIapa! XIapa саннарг, райкомера а, партера а эккхийна ца Iаш, юьртара а эккхо йогIуш ю!

«Нийса боху ахь!», «Дан деззарг ду Савриевн нускална!», «Рай¬комера йом яйта, парти бех а ца йойтуш!» — хезара массо маьIlepa а. Йоьхна лаьттара Хумпарова. Цкъа а дага а догIур дацара цунна адамаша иштта юьхьа дуьхьала хIума эр ду, аьлла,
— Зудчух тера а яц хьо, я боьршачух тера а яц. Хьо саннарш
хьакъ а бара СавриевгIеран партехь хила. Кукла! Хьуо зуда хиллехь, маре яхана хир яра. Бераш-х дийр дарий. Хьанна оьшу хьо хIинца, хабарча? — чураяьллачуьра дIа ца соцура библиотекарша. Хумпарова, чIогIа оьгIазъяхана, юха а ламеш тIе хьаьдира, буьрсаяьлла библиотекарша хьакъ йол-йолчу йилла лаьара цунна. Ала лаьа, хIокху дуьнентIехь а уггаре сийдоцу, боьха зуда ю иза, къамел а цо, шен йоIна дашон мидал ца елла, аьлла, оьгIазъяхана до. (Хумпаровас хIетахь гIo ца динера цунна, районан заведующис оцу мидалх ши бIе туьма дехнийла шена хуъушехь. Библиотекаран оццул ахча дацара.

Нийсо лар цаяро холчухIоттийна йолу иза а, цуьнан йоI а шаьш-шайна тоьхна яла дагахь хилира, амма, мухха
делахь а, ца хууш дийна йисира). Адамаша хIумма а ца дийцийтира Хумпаровага. Маьхьаршца а, шакаршца а, тIараш деттарца а охьайоссийра иза. Нехан бIаьргаш чохь лечкъаш йоцу оьгIазло а, шега болу цабезам а гора цунна. Цуьнца цхьаьна цунна гора ша юьхьIаьржахIотторх, шен эхьах кхаъ хилла хьийза нах. XIop а шаша ваьккхина хьаьжча а.
Цул тIаьхьа митингехь хиллачуьнца Хумпарован бала а ца кхечира. Стелахаьштиг кхетча санна яра иза. Сийсазйина, юьхьIаьржахIоттийна иза кога кIел латта ца хаалуш цIехьа хьаьдира, тIаьхьабевлла нах болуш санна. Шена тIехула догIа а тоьхна, тIаьрсиган Iаьржа плащ тIера дIа а ца йоккхуш, дивана тIе охьакхийтира.

***

Тамашийна делахь а, митингехь ша, сийсазъеш, юьхъIаьржахIотторна йолу вас яйян гIo Тарамовгара лоьхура Хумпаровас. Цхьа кIира хьалха и ша уггаре коьрта мостагI лийрина хиллашехь. Шех ишта аьлла ма-хиллара, оцу декъазчу, бакъо йоцуш йинчу митинго ваьштатаIор ду-кх шаьшшиъ, аьлла тешна яра иза. ТIаккха цхьа барт хиларна тIедан а мегара. Цуьнга хаьттича тахана наха юьхьаръерзийнарг Хумпарова яра, кхана вукхунна тIаьхьа а бевр бу, и хIинцца бен веана вацахь а, ткъа цул тIаьхьа кхиболчу куьйгалхойн paгI кхочур ю! Цуьнан деца Савриевс динчу къамелана а догйовха яра иза.
Эххар а, Тарамов цIа веара.

— Хезна суна,— стенна делахь а, Хумпарована хетадаларехь,
цуьрриг а шекьхилар доцуш, мелххо а хиллачунна реза хилар гойтуш санна тIеийцира    Тарамовс и хаам.    Цуьнан    кабинета чохь шаьшшиъ дара и шиъ.
— Хьайна гуш хили делара хьуна и дерриге а! Дош ала а вуьтур вацара хьо! Уьш-м адамаш даций, уьш-м цIена хьеръевлла хIуманаш яй! Цара-м со хьошур яра, цигара дIа ца яьллехьара!

Корал арахьа декхна де дара. Селханлерачу догIано тIундинчу лаьтта тIера Iаь гIуьттура. Гуьйренан де. Гуьйренан малх. Стен¬на делахь а, дIабаханчу муьрехь маьлхан йовха зIаьнарш а, догIа а, къора а лайна долчу дитташ тIерачу маждала дуьйладеллачу гIаша бохура: тIаьхьахь ю са меттахъхьеден бIаьстенан мерза хан, паргIатчу аьхкенан мур. Дерриг хIуманан а кIорггера ойла ян езара а бохура, хIунда аьлча Iаьнах ца волу аьхка дуьйна цуьнан амалш дика евзаш хилларг бен.

ЖамIаш даран мур. Дика ду-кх, де декхна долуш. Ган лууш волчунна гонах дерг дерриге а го. Кор дIа а къевлина, шен хьаькамаллин гIант лардан гIерташ, вегош воцчунна. Рицкъа, туьйранахь санна, шашаха тIедохьуш долу гIант. Цу тIе хаа хьайна — лаьттан зовкхаш шаьш тIедовдур ду, хьо, шайх воккхавен кхиъчахьана.

Тарамов коре вахара, хецнна коре оьхкина хIуманаш дIасатеттира. Форточкаш дIайиллира. «ДIакъовлахьа. Шийла ма ю», — ала лаьара Хумпарована. Амма и йист ца хилира. ХIунда аьлча, оцу шелонал а кхераме ю хIокху райкомехь дегнашна юккъе хIоьттина шело, аьлла ойла хилира. Хаьттира:
— ХIун дийр ду вай Гулуевний, цуьнан декъахошний? Оцу библиотекаршина а?..
— Хьуна хIун аьлла хета?
— Хаац. Амма оцу хиллачун партийни мах-м бу хадо безаш. Бехкенаш таIзар да деш битича, дисина сий а довр ма ду вайн!
— Муха де вай тIаккха таIзар?

 — И Гулуев партехь ву. Къамел а доцуш, эккхо веза. И биб¬лиотекарша а балхара эккхо еза. Оцу моральни тIегIанца идеоло¬гически учрежденехь болх балур бац цуьнга. Суо сийдоцчу яккхарна ас, кхин тIе а, суьде лур йолуш а ю иза! Муса Хамидович хьайн бIаьрга ган дезара хьуна иза!..

Асмаъ Джалиловна елхаозийра. Иза коре елира, бIаьрхиш дIа а дохуш, Тарамовна букъ тоьхна дIа а хIоттийна, хьежа елира хIинца и ша теян волаваларе. Хумпарова цецъяккха санна, хьалхара секретарь, стенна делахь а, вист ца хуьлура. ЦIенчу мохан шело а хааелла, хIокхо форточка тIететтира.

— Хала дуй хьуна, Асмаъ Джалиловна? — эххар а хаьттира Тарамовс.
— Хьуна хир дарий и саннарг лан атта? — цуьнгахьа юхайирзира иза,
— И ца боху ас. Хьайн балхахь, боху. Хенаш хийца ма елла вайна хIинца. Адамаш цхьана а хIуманах ца теша. КIордийна Царна вайн лекцеш, беседаш, лозунгаш. Кхузахь, лаахь а, ца лаахь а, хийцаделла дIахIитта деза. Хьога далур дуй и?
— Массо а санна, со а ю-кх хийцалуш... — Хумпарован озехь цецъялар а, кхераялар а хаалора: «Хабар суна тIе хIунда далий хIокхо, юкъараллина дуьхьала йолчу элементашца дерг къасторан меттана?»

— ХIан-хIа, и дац и, Асмаъ Джалиловна. Кхузахь дечу гIул-лакхаш тIехь хийцавала веза, хабарна тIехь а ца хийцалуш. Кхечу aгlop хила веза хIинца адамашца. ХIуъа хьал хIоьттича а, девне вала мегар дац цаьрца. Къаьсттина хьуна, идеологана. Вайна тIехь Iуьллуш ма бу партин хьалха девллачу гIалаташна болу бехк. ХIинца, хIуъа дина а, хаийта деза нахана вай куьйгалла дарехь урхалла даран административни кепашна тIера дIадовлуш дуй. Ма-дарра гайта деза дог-ойланца вай социалистически плюрализмехьа дуйла a, xlopa стаге, цунна хетарг мухха делахь а, вай лерамца хьоьжуш хилар! И гайтарехь вай, цхьа ге хилла, тоьлуш хила деза тобанна юкъахь мохь хьоькхуш волчул.

Оцу адамийн лерам оззийна хьайна схьабаккха хууш хила веза, оцу лерамах пайда а оьцуш, вайн социалистически а, коммунистически а долуш долчарка тIедерзо деза церан дегнаш. Кхин дан хIумма а дац. И цадар-чаккхе ю! Тахана партийни, профсоюзни, комсомольски белхахочо ша-шен хадон мах цхьаъ хила беза: теший цунах адамаш, лорий иза адамаша я ца лору. Лоруш а, тешам болуш а вериг дика белхахо ву. Лоруш ваций — меттиг кхечунна дIалуокха.

Асмаъ Джалиловна ягийра Тарамовн тIаьххьарчу    дешнаша.
— Ахь соьга, балхара дIаяла, боху?
— Хьайна хала делахь — хьайн лаам бу-кх хьуна. Алапа кхузахьчул ледара а доцуш, паргIат болх-м лохур бу вай.
Гуьйренан шийлачу хи чу Iоьттина, хьалаяьккхича санна дара и Хумпарована. Иза оцу сохьта ойланех, шеконех, хIуманан духе кхиа гIертарх мукъаелира. Дерригенах а кхийтира иза. «Делахь-хIета Мухарбек ца ларийна-кх цуьнан деца къамел дан. Ца ларийна. Сихха телефон тоха еза. Сихха араяла еза кху чуьра, гIуллакх, кхин гена далале».
— Хьоьга и алийта еана яцара со,— элира Хумпаровас, цуьнан
кабинета чуьра ша арайолуш. Оцу сохьта Грознера телефонан но¬мер заказ а йина, кабинета чухула дIай-схьай лелаш, телефон ларъян хиира иза.

Телефон йийкира.
— ХIаъ, йинера заказ. Алло, Савриевн квартира юй xIapa?
— ХIаъ, — меллаша жоп делира цадевзачу озо.
— Суна Мухарбек Мунашевич эшара-кх.
— Мухарбек? Хьуна хIумма а ца хаьа?
— ХIун?
— Мухарбек селхана кхелхина, хьо марша.
Асмаъ Iадийча санна йисира. Иза чаккхе яра. Дерригенан а чаккхе. ХIокху лаьмнашкахь массо хенахь баьхначу зударийчух а, шен нийсархойчух а тера доцчу дахарна дуьххьалдIа шайн дуьхьа xIapa яха ирахIоттийна мел хилла долчу хIуманийн а чаккхе. Шен дуьхьа xIapa яьхна, и доцчохь ша хIун дийр ду а ца хиъна долу дуьне духуш лаьттара. Ткъа хIокху райкоман пенашна а, белхан машенан куьзганна а арахьара, Савриевн Iаткъамна кIел доцу дуьне хийра, мостагIалле хилла дара цунна.
ХIокху дуьненчохь кхечарех дIатаръяла, керлачу дахарх йола ницкъ ца хаалора хIинца шегахь зудчунна.

Муьлххачу а бохамна тIe яло тарлучу кIорггерчу холчухIоттаран киртигехь Асмаъ Джалиловна меттаялориг цхьа хIума дара. Цхьацуьрриг хаалуш сатийсаман маргIал дара: «Со суо гIyp ю оцу кIентан да волчу. ГIур а ю, бехк а боцуш суо райкомера цо араяккха хьийзор ма-дарра дIа а дуьйцур ду. Оццул шерашкахь болх бина йолу со...»
Дан а дира цо ша дагалаьцнарг.
— Хьан да веанера. ЦIа веъча, сихха шех кхета, бохура, —
дуьхьалъелира Муса Хамидовичана цIийнанана.
Важа, чу а ца воьдуш, да волчу вахара.

— Асмаъ еанера кхуза. Хьуна аьрзнаш деш ю. Ша балхара дIаяккха гIерташ ву, боху, хьо. Ишта дуй и? — долуш долччунна xIepa дIаволавелира да.
— Цуьнан меттиг ян и, дада. Цо юьхьIаьржахIиттаво со, рай¬ком, ерриг парти.
— И муха ду? Ткъе иттех шарахь, лара а еш, болх бо, ткъа хIинца и бахьанехь юьхьIаьржахIутту?

— Хьалхалера хенаш яц хIинца. ХIинца лела хууш, мецачу тобанна ала xIума ца дуьтуш, кIелхьаравала а, болх дIакхехьа а хууш стаг оьшу. Говза дийца хууш, дипломаташ оьшу. Ткъа и урхалла дан, мохь хьекха Iемина ю. Массарна а ма хаьа, цо а, Савриевс а, кхиболчара а болх муха бина. Лечкъош а доцуш, теттина шайна ахчанаш дохуш лелла, шайга мел даккхалучу тIехь а. И нахана диц ца ло. Суна хIун оьшу церан шира къинош? Сайн Iовдалаллина суо балха вохуьйтург айса делларг духадерзалахьара соьга.
Дикка вист ца хуьлуш Iийра да. ТIаккха цо элира:

— Ца хаьа суна-м. Хьайна хеттарг де ахь. Амма эрна нахана вас ца ян хьажа-кх. Адамашна дагахь дика лаьтта диканиг а, во¬ниг а. Дехха лаьтта.
— Хумпарова дIаэккхаярна суна наха баркалла бен эр дац. Со хьанал а, къинош тIехь доцуш а хиларх тешар бу. Кестта харжамаш бу. Халкъо депутат ца харжахь, дерриг а довр ду сан. ХIинца хьалха санна атта дац хьаькам хилла лела. Хьалха цхьа тIегIа лахара волчо лакхарниг кхобура, массо а дика вехара. ХIинца, хьаькамашна там бина ца Iаш, халкъ реза дан а, цунна хьеставала а деза. Дукха хьолахь цхьаъа вукхуьнца цхьаьнадогIуш ца хуьлу. Хьийзар ву-кх хьо хьайна, тентигваьлларг санна.

— Цуьнан метта мила эца дагахь ву хьо?
— Цхьа йоI ю райком комсомолехь. ХIума далур долуш йоI ю. Хьанала а, цIена а ю аьлла, цIе яхана ю. Хьаькамашна дика лоь иза. Схьа а эцна, Iамор ас иза. Цунах дика гIоьнча хир ю, аьлла хета суна.
— Хьенан ю и?
— Хьуна евзар яц иза, дада. Кхечу юьртара ю. Къона говзанча ю.
— Хала хир дац хьуна цуьнца, жима хилча? Цу тIе а, хьаька¬машна дов дикадо а боху ахь.
— И-м иштта, хазамана дора цо. Комсомольцаша массара а ма леладо иза. Уьш и лело хьакъ а бу. Къаьсттина хIинца. ШолгIа-чу этажа тIе хьалаяьккхича, даьтта хьаькхча санна хир ю, хьекъале еъна, шаръелла дIагIур ю. Тешна хила мегар ду хьуна. Цигахь дерриге а хила ма-деззара ду!
Цхьа бутт а ца белира, рогIерчу пленумехь комсомолан райкоман шолгIа секретарь парти райкоман секретарь хуьлуш.
Муса Хамидовична къаьсттина хазахетара цуьнан боьмаша бос болу, кIеда месаш. Вайначу хьалхарчу дийнахь дуьйна Мусага безам бахана яра иза...
 

Асмаъ Джалиловне школан директоран болх кховдийра. Амма иза реза ца хилира. Хаьара педагогически белхан зеделларг а доцчу, цкъеллиг-цкъа берашна цхьа урок елла а йоцчу шех массо а боьлур буйла.
Дуккха а шерашкахь школашка бахийта директорш харжа а, халкъан серлонан ерриг системина тIехь куьйгалла дан а хаьара цунна. Ткъа е йоцу и цхьа урок... и яла ца дезнера.
Цунна оьшург кхин болх бара.
Цкъачунна мукъа яра иза. Шен квартирехь телевизорна хьалха а йогIаелла Iаш. Цуьнан аз а жимдина ду. Телевизоре-м- хьоьжу, ткъа ойланаш кхечахьахь хуьлу-кх. Уьш ерраш а дIаяханчу хенехь ю. Дуккха а некъийн а, кхолламийн сизийн а юьхь цигахь, дIаяханчу хенехь ю. Ткъа кхузахь царах цхьана некъан чаккхе ю. КхидIа ца боьду и некъ. ХIокху есачу квартирехь буьсу.

Шен бераллин доттагI, Дикваха, цхьанхьахь Калмыкехь-м жаца ву аьлла хезнера Асмаъ Джалиловнина. Цуьна зудчан нана-турпалхо ю. Дика бехаш бу. ЦIа а богIу шайн «ГАЗ-24-10» машенахь. Кхо шо хьалха телевизора чохь Москвара схьагайтира иза, Верриг а орденашца, мидалшца. Бераш а хIинца даккхийхилла. Юрист а, лор а, зоотехник а гучуваьлла царах. Вуьйш студенташ а, школан дешархой а бу.

Кафедран заведующи, профессор хилла дIахIоьттина кхунна мацах тIехьовза воьлла Ризван. ХIокху деношкахь республикан газета тIе тоьхначу шел йоккхачу статья тIехь цо Iорайоху «застойни» олучу заманахь, идеологически куьйгалхошна хьесталуш, шайна йолучу сана тIаьхьабевлла леллачу Iилманчаша юкъаяьхна цхьайолу Iилманца йозуш йоцу пропагандистски концепцеш, «Цхьа а тайпа «застой» яцара, — яздора цу тIехь Iилманчаш, — демагоги яра марсаяьлла лелаш, кегийчу къаьмнашца йолчу юкъаметтигашкахь шовинистически Iаткъам а бара. Къоман интеллигенции векалш, хьаькамийн гIентех тийсалора, кхахьпанаша санна, бенбашха ца хеташ, цара духкура къоман сий».

ДуьххьалдIа оцу статьяно бIаьргаш беллийтира бIеннаш ке¬гийчу нахе. Церан кортошка цIена, керла ойланаш яьхкира. ТIаьхьо, неформалаш ду шаьш, аьлла шайна цIе а тиллира цара. Статьяно тешийра, Москвахь дийцина ца Iаш, кхузахь а бакъдерг дийца мегаш хиларх.
«ХIуъа дича а, шен са тедалийта дагахь вац, — дагадеара тIаккха Асмаана. — Гарехь, сатедан цхьа а вац. Зуда чIогIа ирча ю, боху, цуьнан. ХIетахь ма чIогIа хьаьвзира-кх иза, шега йола, аьлла...»

Телевизора чохь цхьа передача кхечо хуьйцура. Арахь чекхйолучу гуьйренан чIогIа Iаьржа буьйса яра. Ткъа коьртехь дIадаханчу дахаран тайп-тайпана суьрташ дуьхьалъоьхура... Аренан тийна жима хи. Гезарий, оьпарчий, еттина картолаш, Диквахин юьхь. Жима волуш а, набахтера цIа веана волуш a. XIapa къона йоI-жаIу йолуш, районан газета тIехь хилла кхуьнан доккха сурт, конференци хилале ресторанехь хилла суьйре. Савриев... Кхузахь, хIуъа делахь а, цхьаъ-м дIахедаш ду. Цо охьатеIайо, кегйо, даш санна, еза йолчу бойнашна юккъе къуьйлу. Цу тIерани дIадоладелира и. ХIинца дика го иза Асмаъ Джалиловнина. «Дагалеца ца лаьа и дерриг а. Боьха мода. Еккъа мода. Дика ду адамашна дерриге ца хууш. ХIаллакдина даьлла дахар. Дерриг дахар а боьхачу модашлахь Iуьллу».

ДIаяханчу хенах ойланаш дукха мел ей, Хумпарована щерра гучудолура, мел ямарт, пайдабоцуш лелла хилла Савриев. Дуьх-хьара балхах Iехийра. ТIаккха-цхьацца совгIаташца. Талхийра. Шен хирриг дира. ДIахьаьжча, xIapa адам лоруш а ца хиллера? «Шера хууш ма хилла цунна, майра, бераш, сайн доьзал боцуш, со дохкойолуш де догIур дуйла. Хаа ма хаьара цунна, цхьана йисича, цомгушхилла, кIелйисча, суна тIеван, терго ян цхьа а хир во-цийла. Мацца хьежийна а, ас шена неIалташ хьежор дуйла а хууш ма хилла цунна! Хуур хилла дерриге а шерра хууш хилла. ХIетте a xIapa дин. Дан амал доцчу яьккхи. И дан догIуш а дара хьуна, Iовдал...»

Шен метта райкоман секретарь хаьржинчу оцу йоьIан ойла йира Асмаа. «Къамел дича хIун дара-те? Хьуо хIаллак ма елахь, олуш, хьехар а деш? ХIан-хIа, ас хIуьттаренна, оьгIазъяхханчуьра дуьйцу, моьттур ду. Кхетар яц. Цуьнан шерашкахь со а кхетар яцара. ХIан, шена луъург хилахьара хIокху дерригенах а! Шена лаахь, xIapa маьлхан кIайн дуьне а Iункар хIоттахьара. Мерзаниг юур а ю, дика наб а йийр ю-кх. Ахча жимма ас гулдина. ГIаддахь, хIокху хIуманех цхьаерш йохка а мегар ду. Садаьхьна хьийзар яц. Нахана гlадбаха хIума а долуьйтур дац. Дерриге а доьхна, хIаллакьхилла дIадодахьара xlapa! Уггаре тоьлларг, уггаре езниг, модехь ерг тIе а юхур ю! Сайна ма-луъу зовкхе ехар а ю-кх!»

Юха а — эрна аре. Мацалла. Ерриг ойла а баьпган цастарна гонаха. КIуьран а, еттинчу картолийн а хьожанаш. Уггаре чомехь хьожанаш. Уггаре чIогIа, дог-ойла меттахйоху дагалецамаш...
Ресторан, музыка, хьацаро тIундина Савриевн куьйгаш... Дассаделла дог. Дассаделла дуьне. Гобаьккхина-есалла... «НеIалт кху заманна. НеIалт кху дуьненна...»

с. Махкеты
Ведекнский район
Чеченская республика