Хухуртахойх 1оттабелла сингаттам

Саид-Хамзат Нунуев
ХУХУРТАХОЙХ IОТТАБЕЛЛА СИНГАТТАМ

(Сатиран   повесть)

Хьанна ца гина Хухурта? Хьанна ца гина Хухуртан когашкахь ногъетташ, цкъа дарлой, макхлуш, тIаккха декхий, серладолуш охьаIийдалун Оргумс? Хьанна ца гина кегий а, баккхий а хухуртахой, базаршкахула, автобусийн а, аьчканекъан а вокзалашкахула дIасахьийзаш, лекха чола куйнаш тохкий, даккхий тIоьрмагаш дIасадовдадой, я морожениш цIубъеш? Массарна а гина. Массарна а бевза. Беза а беза доггах, церан уьнах баллал! Беза, уьш мухха белахь а. Шен стаг цавезарг нахана а ца веза. Цо къастадо дерриге а.

Сонта нах бац хухуртахой, вай бийца дагалаьцначу турпалхошна юккъеранаш мухха бовлахь а. Деригге а ца дуьйцур вай. Гинарш а, лайнарш а дуьтур вай юхенгах дийца. И дийца таро хилар ду коьртаниг. Аьр вай цхьа кхин. Бераш санна догцIена, атта тешаш нах бу хухуртахой.

Цундела, нагахь цхьа Iилманча валахь, Хухурта йиллинарш Хуху цIе йолчу кхечу дуьненчуьра акхарой хилла, аьлла, цара иза тIелаца мега. Хедарш, баларш, мацалла, Iазап лайначу хухуртахоша тахана а хIумма а ца боху шаьш, мел хала яккхахь а, сискалан юьхигах а ца даьхчахьана, Даймахкал арахьа а ца даьхчахьана. Иштта тергал ца до цара цкъа тахана шаьш пхи эзар шо хьалха пачхьалкхеш кхоьллинахиллачу хурритийн тIаьхье хилар. Иза шайна довзийта веанчу лекторе цара дийхира: «Хьуо цу райцентре юхаводахь тхан туькана сабанаш а, туьха а, маргарин а мукъа яайта алахьа!»

Царна бехк буьллийла дацара. Ма дукха хIума ца оьшура царна. Ма совдерш ца дуьйцура цара вайга. Шаьш сил дукхабезаш духадирзинчу Даймахкахь меца ца Iелла болх бан меттигаш а езара царна, шаьш хьегначу къина догIуш дерриг схьа а луш. Шайн дайша дина хилла, хIинца шех райпон склад а йина лаьтта маьждиг а схьадезара царна. Шаьш муьлш ду хаа, шайн хилларг довза му¬зей а, Iилма а дезара царна. ХIусам, керт, юрт, мохк цIена, оьзда латто а лаьара царна. Массо а хьешашца, массо а къаьмнашца ма¬зал мераа доттагIалла а дезара царна.

Замано-м шен амал эцийтина адаме. Ша-тайпа амал. Вай дерриш а орцах ца довлахь, эзаршерийн кIоргенашкара «генаш» олучу цIоьмалгашца шайн оьздангалла схьаяхьаш болчу хухуртахойх боккъалла а акхарой хинйолу амал...

I-ра КОРТА

ХIан-хIа, «кочевникаш» олу кхерста бIо турпала бухатохаран мур хилла юьжур яц Хухурта олучу юьртан исторе ткъоалгIачу бIешеран дезткъалгIачу шерийн юьхь. Ширачу дийцарийн, битамашка а йирзина, ах хирцинчу бIаьвнийн пенашна легаяла йисина и хан-заманаш. ЦхьакIеззигчу мохкталлархойн дагалецамашкахь бен карла ца дуьйлу Нохч-ГIалгIайчохь уггаре лекхачу Туьллойн Ломана ха вовшахтоьхначу, цул тIаьхьа шийтта шарахь бахбеллачу гIезалойн-монголийн къизачу, сутарчу ханашца хиллачу тIамехь и ларбан доьналла хиллачу астагIчу иччархочун Идиган майра васт.

Ламанан чехкачу Оргумс хин лакхенашкара маьлхен кешнаш декъех дуьзначу уьнан шарах тарбелла а лаьттар бац и мур нехан дагалецамашкахь.

ДезткъалгIачу шерийн юьххьехь хухуртахойн кхетам карзахбаьккхина, церан синош лахийна хиларан цхьа а тайпа бух а бац карор. Мацца а цкъа, аьр вай, ши эзар шо даьлча, шолгIачу эзаршеран культуран чкъор талла археологаш баьхкича, цара билгалдоккхур ду хухуртахойн геннара дай — цара шуьйррачу барамехь махкахь йина йолий, дозанал арахьара чуеана йолий тайп-тайпана коьчалш, гIирсаш, банканаш, гIутакхаш, Iилманан прогрессан кхин мел йолу билгалонаш дIакхиссина хиларехь — хьал-бахамашца а, культуран декъехь а таронаш йолуш баьхна хилар. Хала а хир ду цаьрца реза ца хила.

Ткъа къайлабаьр-те бодашкахь, бовр-те бIеннаш, эзарнаш шерашкахь Хухуртаний, цуьнан йистошний тIехула, шайтIанан мох санна, хьийзаш, кхирстина хьасартийн, хиламийн, Iоттабаккхамийн уьйриг?! ХIан-хIа, и сел кеста хир долчух тера ца хетало. Сих-сиха хеза хухуртахоша и дерриге дагалоьцуш. Цхьадерш диц ма делла, цхьадерш тIе а-м детта, амма коьрта дерш тоъал дика латтадо дагахь. Ураатталла и шайн дагалецамаш хьешашца а боькъу. Къаьсттина — нагахь хьешо... хаза мехкарий хьахабахь.

Цу кеппара, дезткъалгIачу шерийн хьалхара ах хухуртахошна хазалла туьйранашкахь буьйцучу мехкарех цхьанца нисделлачу цхьана инзаречу хIумано, хиламо язйина куц хIутту.

* * *

Мехкарий, мехкарий... Вайн дахаран зезагаш! Мел ду шух яздина, мел ду шух декна иллеш! Дуьненан кхиаран гIуллакхна кхачо йийраш а Iесий, я суьпий ницкъаш ма бац, хаза мехкарий ма бу! Кхин сов а аьр вай: маймале, цунах адам деш, гIаж кара лацийтинарг а хилла цуьнан син зезаган Iаткъам.

 Шенна яа йожош ма ца хилла цо дитта тIера ананас. Цунна — шен хьомечунна — дIаяла йожош ма хилла! Шело иккхинчу заманахь хьалхара, уггаре хазий, месалий цIока а. Цуьнан когашка ма кхоьссина. Дуьххьарлерчу суртдиллархочо а, мамонт ца юьллуш, Цуьнан сурт диллина, шен езаран сурт! Хьалхалерчу стага, хIинцалерчо санна, шен «исбаьхьа ах» тIех качъяран бахьанехь кхоллаелла матриархат — зударша олалла ден юкъаралла.

Хийла къахьега дезна цул тIаьхьа божарийн, шаьш карара далийтина урх юха шайга дерзо гIерташ. Хийла дахаран луьра карчамаш лайна, политикан олалло могушаллина вон Iаткъам барх а, ткъа шайна Церан могушаллел деза хIума данне а дацарх а уьш кхето гIерташ. Ишта ийцира божарша дуьненан берриге баланаш шайн белшаш тIе, ткъа зударий гаремаш олучу «шемешка-санаторешка» дIанисбира.

И гаремаш керл-керлачу хазачу мехкаршца тIеюзарехь шортта хьал-бахамаш оьшура. Ткъа шен лаамехь хьал-бахам цхьаммо а дIалуш боцу дела, тIемаш вовшахбетта а, цу тIемашкахь толам леха а дезийтира. Ишта йолаелира кхиа Iилманан-техникан про¬гресс. Ишта кхоллалуш схьайогIура истори.

Хухуртаний, гонахарчу вукху ярташний мехкарийн хазаллица цIе яхана, хетарехь, дуккха а хан яра. Ларамаза доцу куц ду берхIитталгIачу бIешеран ткъе уьтталгIачу шерашкахь ГIирманан хано ламанхошка ясакхана, кхин хIума ца доьхуш, хаза мехкарий бехар! ХIинцалерчу Хухуртарчу мехкарийн нанойн нанойн нена-нанойн сий лардархьама, вайнехан тайпанийн, кIоштийн, вовшах а кхетта, баккхий бохамаш, эшамаш ловш, Хан-ГIалин хьехахь ханан везткъа эзар бIаьхо чувогIу сур дохо дийзира тIаккха.

* * *

Делахь а духадоьрзур вай хьаннийн аьрцнашца хьулъеллачу дезткъалгIачу шерийн юьхь йолалучу хенарчу Хухурта, цу ширачу юьрта. Сакхваьллачу дешархочун са а ца кIамдеш, гойтур вай цунна юьртан юкъаметтехь лаьтта цхьа аьхна кIайн жима цIа.

ЦIена уьйтIе, гонаха йигина аннийн керт, xIopa уьнна тIе летийна дагах тера яьхна фанерин коржамаш а йолуш. Цу керта хьуьйсура дезткъалгIачу шерийн юьххьехь хухуртахон берриге а, махкахула шуьйра евзачу йохкаэцархочун Кесирин исбаьхьа йоI бIаьрга ган хьаьгна. Ала дашна, Хухуртарчу зударийн арданго цу жимачу Iаламатах «Кесирин сеттабика» я «Кесирин заббари» олура, цуьнан цIе маттана йихкина йолуш санна.

Делахь-хIета, божарийн декъан матта тIера и цIе юссуш-м муххале а яцара, вуьшта йоккхуш а цхьа айаме, сатийсаме яра, церан дахаран. Iалашой, маьIний кхобу философии категори хилла дIахIоьттина ша яьлча санна. И цIе яра — Лолита!

ЙоьIан хазачу куьцах ца тасалуш, дIалелхара хийламмо доху даккхий синош, хийламмо цуьнга сатийсаме бетта бIаьрг, хийланнан хастамаллин дешнаш, деза мел долу духар дуьйхина, Парижера Хухурта кхаьчначу хазачу хьожанех хьаьрчина, иза юьртан хьийзачу урамашкахула неканан боларехь йолаелча.

«ЭхI, жималла, жималла! — доккха садокхура цуьнга хьажавеллачу къаночо. — Цхьа шовзткъа шо духадаккхан-кха! ТIаккха, сайн цул тIаьхьа Сибрехахь вахкавала дезар делахь а, и хазалла ядоза Iийр ма вацара со! Неларчий бен ца ехкачу цу акхачу къухашка дIа-м дера хьур яра...

«Цхьа стилягаш ю-кх хIинцалера кегий нах, — кортош лестадора вукху баккхийчара. — Мера кIелхула лелаш нисбелла кхокха бу, ткъа хIорш оцу участкови волчу Лабазах кхоьруш Iа. Къевллина схьа  а лаьцна, дIаядийчахьана, долуш ма дара!»

Делахь а, берриге а бацара баккхий нах и тайпа сонта хьехамаш луш.
«Массо заманашкахь а дерриге зуламаш кхаа хIуманах долуш хилла — жIаьлеххий, говраххий, зудчуххий! — пIелг лоцура хьекъалан дайша. — Оцу лелачу мео а ма баккхахьара вайн юьртахь цхьа бохам!»

Амма кегийрхой цхьаьнгге а ладугIуш а, я цхьаннан а хьехам тIеоьцур болуш а бацара. Шайн зама евзаш а, йоза-дешар хууш а, Iедалан законаш лоруш а болчу цара шайний-шайний цхьацца бегIийла агIонаш лоьхура.

Цхьаберш тIетаьIIина ахча вовшахкхета агIонаш леха бевлира, жоьра йисинчу йохкаэцархочун Кесирин деган догIа цо доккхур дуйла хууш. Ткъа йоьIан жимачу даге боьду некъ цуьнан хьомечу ненан дагехула болуш хилар — иза-м массарна а хаьара. ДуьххьалдIа чугIоьртурш а нислора, Лолитин къона дог къардарехь мелла а бона некъ лоьхуш. Амма вукхуьнан дог, наггахь юьхьенца цхьа тешаман серло а къадайой, сихха духадолура, ненан багах «caгIa доьхург», «марш оьху хIума», «мезаша вуьзина студент» я «и ешап дара хьуна хIинца хьан марнана хила дисина» боху дашал деза дешнаш ма-девлли.

Шен дIаяхана жималла хIинца йоIехь карлаяьлча санна хеташ, Кесира чIогIа сакхъяьллера, и тIедогIу безаман Iаламат, Лолитега а ца догIуш, шега догIуш санна. Цундела йоьIан даге кхийдачех хила тарлун невцарий а лаамаза шен деган барамашца бустура...

Езачийн докъазалла, Лолитин хазалла шел тIех кхин ца хиллал яра. ХIанхIа, цхьа эхь-бехке, юткъа, экама, къонахийн дог-ойла юткъъен, уьш иллийн турпалийн амалшка, оьздачу Iалашонашка берзон хазалла яцара иза.

 И яра цIеххьана синхаам хьере бен, къилбен малха кIел кхозучу сентябрехьлерачу кемсийн хорхано санна, лаам шена тIеузу хазалла. Доьттина дича санна, гIодакжъ юткъа дегI, лекха, булабелла накха, стаммий; ц,Iен балдаш, бак¬кхий боьмаша бIаьргаш, хьийкъина еха месаш — и дерриге а вуно хаза догIура цуьнан озо хеталучу юьхь-сибатца а, кIедачу, дайчу боларца а. Ела кIезиг йоьлура Лолита, тIex гIовгIанечу пхьоьханашна петоха лууш хуьлура, цундела хеталора, цо шен синхаамечу деган берриг а ницкъ цу ша цкъа мацца а цхьана а заманахь, цхьана а махкахь цхьаммо а ца хьаьсттинчу кепара, йовхо луш, хьостур волчунна ларбеш бу, олий.

«Ткъа мила ву-теша иза?» — декара Хухуртах хьерчачу xIaваэхь. «Со-м вац-те и?» — каде хьаьвзира ненан дог тIедерзо гIepташ болу хухуртахой, массо агIонашкахьа дIасахьаьлхира. ДIаса хIунда хьаьлхира, тов, бохий аш? Дера    хьаьлхира,    Хухуртахь, туька ца хьахь я Кесирина шена къола ца дахь, кхин ахча даккха меттиг ца хиларна, Ткъа законаш, вай хьалха мааллара, хухуртахоша лоруш ма дарий...


Борза луларчу юьртахь вехаш вара. Борза ткъех шо хир долуш жима стаг вара, хIapa ду аьлла юкъараллин-пайдехь гIуллакх деш а воцуш. Борза эскарехь хилла а вацара.

Цхьаболчара наггахь бегаш а бора, цо эскаре гIуллакх дан шен меттана етт бахийтина, бохуш. Амма и бегаш бухахь бух боцуш бара, хIунда аьлча, цуьнан бIаьхаллин билето иза кийрахь цхьа тамашийна цамгар йолуш хиларна тоьшалла дора.

Цундела хир дара Борзас ша дезар дечу сурсатех бIоалгIа дакъа а шен къинхьегамца арахоьцуш цахилар. Иштта гуш-хууш дара кхин цхьа хIума а: оцу шен цамгаро еш хIумма а новкъарло яцара Борзина ура-атталла уггаре хазаниг зуда ялорехь а. Шен цхьаъ бен воцчу кIантана Борзина къен доцу вахар латтош еххачу хенахь районан даьхний дIаоьцучу пунктан куьйгаллехь лаьтташ волу цуьнан да вара.

 Оцу дерригечу хьелаша таро лора бархI пуьнте хьалакхаьчначу Борзина луларчу Хухуртахь ехаш йолчу исбаьхьчу йоьIан «куьг къовсархошлахь» лидер хилла дIахIотта.

Лолитин ненан Кесирин я «caгIa доьхург» а, я «марш оьхург» а, я «мезаша вуьзина студент» а олийла дацара «ГАЗ-24» машенахь схьахIуьттучу цунах, амма, стенна делахь а, и даго башха тIе-м ца оьцура. Иза шен нене гIоьрттуш настарел лакхахь тIех шуьйра хиларна дара а хаац, я, ша доккхучуьнца дуьстича, шайкай тIех дIасакхуьссуш хиларна дара а хаац, я, лаг дан а дацарна, цуьнан корта дуьххьалдIа белшаш тIе боьгIча санна хиларна дара а хаац, — доцца аьлча, стенна делахь а, Кесирин дог леташ даца¬ра цунах, бахьана шена а хаа а ца хууш.

Цундела йоIе цо юьххьехь дуьйна элира: «И ву хьуна нуц хила хьакъ! И ву хьуна къонах! Амма дала ишта нуц валлал ирс долуш а яций со-м...»

Вуьшта Лолитина лаа-м ца лиира шен нана ирсе ян... Ткъа Борзас цкъа шашлычнехь, массарна а хозуьйтуш, мохь туххуш: «Со къонах вац-кха шуна, и Хухуртара Лолита ца ялаяхь!» — аьлла чIагIо йира. И цуьнан чIaгIo дIасаяржо йита хьайна меттигера меттанийн зIей, барта пропагандий! «ХIан, хIинца вели шуна Кесирех шех тера волу нуц а», — доккха садаьккхира цу гIуллакхац чIогIа бала кхаьчна лелачийн цхьана декъо. «Реза хир ю-те Лолита?» — цецдуьйлура Лолитин чоьхьара чулацам цуьнан арахьарчу юьхь-сибатца цхьаьнадогIуш хиларе сатуьйсу важа дакъа.

Шен цхьаъ бен йоцчу, уггаре йоккхачу тIаьхьено аьлларг эххар а даьхний дIаоьцучу пунктан заведующий лере а кхечира.

Цкъа хьалха кIантаца poгIepa кхеташо ян сацийра цо.

— КIант, — долийра дас, аьхкенан дагIу кIеларчу кIедачу гIента шена дуьххьала воI охьа а хаош, — хIapa вайн зама хIун зама ю, хаьий хьуна?
КIант вист ца хуьлуш Iapa, къорзачу линолиумна тIе ши бIаьрг а богIна. ХIун Iовдал ваьллина-те хIapa варкъ кхолла гIepташ, боху ойла йора цо. Стенна хьегна хIapa къа? Куз-х баций xIapa. Ткъа когаш кIел тосуш хилча, варкъ эша а ма ца оьшура...

— Вайн заманна Iовдалш ца оьшу, — къамел дора дас. —
Коьрто жимма а болх бийраш дика баха а беха! Хазачу мехкарийн ойла ечохь ву, тов, хьо? Цулла а гIуллакхан ойла е, со дIавалахь, айхьа ден долчун ойла е! Вайн Iедалехь хьоьга и къамел ден-м вацара со, тIаккха а — и да дойла а яцкх хьо сонта хилча, Нах боьлур ма бу вайх.

 Хаза йоI яц яло езарг, дикачу доьзалера а йолуш, эхь-бехк а хууш, хIума кхоо, IaIo, дерг дIа ца кхалла, дIаса ца даржо а хууш йолу хIусамнана ю хIусамехь оьшуш ерг. Ткъа хаза мехкарий хIapa дуьне а даьккхина бу, кисанахь ахча хилчахьана! Шашлычнехь ахь цхьа сонта хIума далийтина, боху. Ишта дIасалестош дац хьуна къонахчун сий, пивнушкашкахула иза а! ХIун дан воллу хьо, хьайга, бугIа хьуо ма-ярра, и тайниг ца ягIахь?
Линолиумна бухара хьалаелира цхьа оза, бехий когаш болу гезг. Борзас шен дагахь пал тесира: лилониумна тIехула и дIайодахь — Лолита кхуьнга йогIуш, ца йрдахь — ша йогIуш. Гезг ша йолччохь сецира, хиндерг гайта ца хIуттуш санна...

— Оьшу некъ бац ахь лелориг, — кхидIа а хьехамаш бора дас. — ХIapa кхоалгIа шо ду со хьо институте дIанисван гIерташ лела. Акха ча нислур яра соьга цига сайн йолчу таронашца, ткъа хьо нислац-кх! Йоза деша-м ца дицделла-те хьуна? Цкъа а ма ца го суна хьо карахь книга йолуш! Хьо-х, со дIаваьлча, доьзалехь коьртаниг хила везаш ву, доьзалан берриг бала хьан белшаш тIе буьжур бу, хIай, Iовдал!

Гезг, ша дIалатийна йолуш санна, меттах ца йолура. И тIаьхьара татта ца хIуттуш Iapa Борза, тIаккха пал харц хир бу, бохуш.

— ХIинца цкъачунна кху районехь хьегарца йоккхуш ю вайн
фамили — БексултановгIар! ХIундий? Дера ю, соьга милла а эцалург хилар, хьеннан а бат дIакъовлалург хилар, муьлххагIуллакха соьга чекхдаккхалург хилар хуу дела! Сан кисанахь бу берриге а районан хьаькамаш! Сан бага  хьаьвссина ву массо а! Цхьаьллигцхьаъ вац суна кхераме! Ткъа со дIавалахь? ТIаккха хьан лардийр ду вайн фамилин сий, хьо хIapa дерриге а цу цIога хьийзочу моьлкъанан когашка кхосса кийча хилча?

Борзин синна гилгаш дохура гезго. Кхуо хIупъэлира цунна, амма гезг ца кхийтира и хIyп шена бохуш хиларх.

— Хьажахьа! — тIеттIа чуьравуьйлура воккхах волу Бисултанов. — Со мел кхерамех, мел Iазапех чекхвийлина, хIинца суоверг хила гIерташ! Амма хьо тайпа цхьа тентаг тоьур ю-кх хийла шерашкахь IаIийначух догдаккха! Ас хIинца юьйцург и заббари яц хьуна, и гIуллакх-м цхьана aгIop дерзор дара. Ас дуьйцург хьан сел гIорасиз хилар, хьо кху дахарехь цхьана а хьуманна пайде боцу жий хилар ду!
Дас дечу оцу къамелашна дегабаам ца бора Борзас. Уьш цунна беран хенахь дуьйна хезаш дара. Вола а воьлла, Iуьйранна юу хIума я хьаштагIне вахар санна, хилаза ца долу хIума лорура цо иза...

— Вист хIунда ца хуьлу хьо? Ас хьайга бохучух хIумма а тIелаца дагахь ван а вуй хьо?! — цIеххьана мохь хьаькхира дас, лулахойн кертара кхокхий а къахкош. Борза ша Iачу гIентахь тохавелира, ден кхохкийнчу юьхье а хьаьжна: «Оцу маьхьаро-м яьккхина хила ма еза и гезг меттах», — элира шашега. Амма, хIaн-хIa, гезг, чохь са доцуш санна, хьалхалеррачохь лаьтташ карийра.

— ХIаъ, со кхета, — даималерра жоп делира Борзас, ткъа да кхийтира иза, хIинццалц санна, цхьана а хIуманах кхетта цахиларх.

— Хьада, дIавала суна гучуьра, дешаран книгаш схьаэца! —
кхии «кIантана дан таIзар ца карийра дена. Борза сихха хьалаиккхира, дIаваха дагахь. Амма ша дIавахале цкъа хьалха цо, дагна там а хуьлуш, шен шовзткъе пхоьалгIачу бараман мачин кIажанца хьаьшира очъяьлла гезг, тIаккха дIасахьовзийра и цунна тIехь,
тIе а вазлуш, и дийна йисарна кхоьруш санна.

Дайн-нанойн экамчу дегнех лаьцна дукха ду аьлла, дукха ду яздина. Ларамаза а дац и, хетарехь, ура-атталла сел йоккха оьгIазло схьакхарстийнчу воккхахчу Бексултановс а шен ойла сихха кIентан лаамехьа ерзийча: юьртан молла IабдулвахIаб Лолитин ненаца дагавала вахийтар сацийра цо, кхолладала тарлучу гергарлонан «хIун-муха» къасто.

ТIаьхьа цхьацца хIума йожаза ца дуьсучу дехаршна сема волчу IабдулвахIаба, цу саррахьехь вахана, хила тарлучун жамI деара, Iилманан маттахь аьлча, — юьхьанцара хIутту хьесап. Ишта дара и жамI: гуьйре Iаьне ластталц йолчу юкъана нана реза яцара шен хьоме кIорни шех херадаккха. И тайна жоп кху меттигашкахь кест-кеста хезаш дерриг дара, цундела Борзин дас, даггара теша а тешаш, шена бегIийла делла лерира иза. Ишта и хирг хиларх шек-м иза хьалха а вацара.

* * *

Хухуртахь вехаш а, бахамаллин туьканан заведующичун болх беш а вара цхьа кхин жима стаг. Хьалхе зуда ялийна а, хьалхе и йитина а волуш. Сихалха ялийнера цо иза, лаккхарчу градусийн аьлларехь нисвеллачохь, ишта ялийна зуда сихха кIорда а йира. Цул совнаха, Куршабан йолечу балхо генна дIасашорийна таронашший, эстетикан aгIop мелла а эшаме хеталун, аттанин, гомашаний гонаха хьийза зудий башха цхьаьна ца йогIура. Хьелий дIаIалашдан наний, йиший ма яра.

Гена хьалхахьа дIабоьгIна Куршабан лехаме бIаьрг, шу макхеттара, Лолитин ков-керта тIехь сецира. И ков чIогIа дезаделлачу цо, складера деана, сирла-стигалбасахьчу импортан басаран кхо банка елира иштанехьа Лолитин эсалчу нанна. Бакъду, вукхо завмагана богIу мах дIа-м белира, бен-башха доцчу озаца йоIе: «Дика кIант-м ву и Куршаб», — алаза-м ца Iаелира.

Ма ирсе хилла дIахIоьттира Куршабана шена, ша деллачу ба¬сарца керт къагош йоллу Лолита гича, и цхьа бIаьстенан де.
— Ac гIo де хьуна? — эсала вела а къежаш, кхоьссира Кур¬шаба.
— Ца оьшу, баркалла, — жоп делира йоIа.
—И бос хаза хетий хьуна? — юха а хаьттира Куршаба, йоьIан хазачу когаш тIера бIаьрг дIабаккха ницкъ а ца карош.
— Хета, — тийна жоп делира Лолитас, дегIан чкъураца цуьнан
бесачу бIаьргийн шега ира хьежар а хаалущ.

Дийнахь сарралц лийлира кIант сирла къегинчу кертей, кевней хьоьжуш, бахамаллин туьканан къевлинчу нeIape гулделла адам дага а ца догIуш.

Шо гергга хан елира цул тIаьхьа. Сирла-стигалбасахь басар гIеххьа басадаьллера, амма завмаган синхаам, кхин даг чохь сецор кхераме долуш, къегинера: кхин хьелахь, кIантах цIе яларна а кхерам  бара.

Детта са а ца хилла, шен кийрахь марсаяьллачу цIеран хьокъехь дIадийцахьара аьлла, векал вахийтира цо тIаккха Кесира йолчу. Коопторгахочун дог кхарзадоьлла долуш доллу куц дара. «Ерриг импорт а, экспорт а, ширпотребан тесаш тIера, чехийн, хрустальаьнгалин биста кхаччалц — дерриг а хьан когашка дуьллур дара-кх
ас, — бохура Куршаба, — мацца хилла а, Лолита сан зуда хилахьара!»
ЙоIе хIинца хIумма а бохуш а ца яьллира нана, амма юкъарла
дохьуш веанчуьнга Куршабана жоп дахьийтира: Гуьйре чаккхенга ерззалц, сайн цхьаъ бен йоцу йоI цхьаьнгге а яхийта дагахь яц со», — аьлла.

Цул гIоле жоп Куршабана эша а ца оьшура. ХIинца безаман цIарах дегайовхонан цIе а кхийтира. Потребкоопераци кхоллаелчахьана схьа йолчу исторехь цхьана а бахамаллин туьканан заведующигахь а хаабелла хир бацара оцу хаамо вайн завмаган кий¬рахь Латтийна гIуллакхаллин айам.

КхидIа ша мел ден долчун план хIоттийра цо цу буссехь. Оцу планан бухе дижира тIаьхьарчу хенахь хухуртахойн бахамаллин хьашташкахула долу гIуллакхаш лаккхара кхачо хуьлуш схьадар, иштта хьашташна жоп ца луш цкъачунна дикка ххуманаш хилар. «Уггаре хьалха — адамийн хIусамаш ян я ерш шоръян деза, — ойла йора Куршаба. — Ткъа оцунна кибарчигаш, цемент, тхевнаш, эчиг, хьун, кхин мел дерг оьшу. И дерриге тоьуш дац. Амма цхьанахьахь, миччахь делахь а, хила-м ма деза и?!»

И дерриг беркат долу республикера массо предприятеш, учреж¬денеш, организацеш охьаязйира Куршаба катоьххина масех дийнахь: ТIаккха и хIуманаш карахь йолчу нахаца юкъаметтигийн зIенаш тийса волавелира.

Цхьайолу зIенаш нисъелла куц дара Куршабан, хIунда аьлча, бутт а балале мелла а хьал долчу хухуртахойн цIенош тIехь, шиферан меттана, лепачу наштаран тхевнаш гора, цхьаболчара, аннийн тиша керташ дIа а йохуш, аьчганаш хIиттайора, ткъа импор¬тан басарш хIинца Лолитин, цуьнан ненан ков-керта тIехь хааделла ца Iapa.

Бахамашкахь болабелла и прогрессан хийцамаш мича кхочур бара, ала хала ду, нагахь районан БХСС-н белхахоша и дерриге шайн тидаме ца эцнехьара.
Цу хийцамийн тешаша ларарехь, Куршаб атта ве;лира кIелхьара:
иза шен балхара дIа а ваьккхира, ша хIетталц гулдиначух а ваьккхира. Цу тIехула тIе, и IалагIожа дIаерзош, цхьа-ши «кусок» лулахошкара юхалург яккха дезначух тера а дара. Цхьадика, Iедал лардийраш цо кховдийна и «кусокаш» дегаза ца хетарш а нисбелира.
Амма цIарах кхерста дог оцу кега-мерсачу хIуманаша ца шелдира цуьнан. Куршаб керлачу Iалашонех, сатийсамех вуьззина вара.

* * *

Мутуш, олуш ма-хиллара, ахчанан стаг вара, цундела, шена тIе доккха эхь доьссина, моьттур дара цунна, нагахь санна Лолитин куьйган, деган дола дан некъ лоьхучийн могIарехь хьалхарчех меттиг шена ца кхаьчча. Амма цу хьалхарчарлахь а хьалхарниг хила Мутушана новкъарло-м йора цхьана бахьано: иза ша зуда ялийна а вара, и зуда шен могушаллица мел чIогIа могушчуьнца къовсийла долуш а яра, ша спортсменаца Iаш хиларал совнаха, ша а цу декъехь тоъал корматалла йолуш а яра.

Бакъду, ша бер доцуш хиларна, цхьацца шеконаш-м кхоллалора цуьнан дагахь, шен шега гIоьрттуш хьийкъина волчу ткъе пхийттара ваьллачу майрачо цхьа дагахь доццург дан там мабара, олий. Довза ма девзара цунна Мутушан «шуьйра» дог. Делахь а, и тайпа ойла коьр тера дIачовхо сихлора къона зуда... Вай-м дера олу: «Зударийн да¬гахь дерг — къайле ю». Амма зударшна ца хаьа-кх буьзначу божарша дан тарлург.

Мутуш вузийнарш — «шабашкаш» яра. Республикал арахьа барт а бой, гIишлошъяран белхашка лелара иза. Цкъа юьхьанца шен гергарчаьрца лийлира, тIаккха бригада юьртахошца тIеюза велира, ткъа кху тIаьхьарчу шерашкахь, дийцарехь, цо цигахь бацош цхьа «бичеш» боху нах бара.

Маццах цкъа цаьрца дагахь доццу цхьа хIума нисделла а хиллера цуьнан. Дош даше даьллачохь оцу «бичеша» уппада а ваьккхина, шина, баттахь шена лоьрашка пхьола дайта дезнера Мутушан. Оццул чIогIачу терапих чекхваьллашехь, гурахь цIа веанчул тIаьхьа а веха лийлира иза шен дегIан тIехьара кIеда меттиг йоIбIаьргал лерина ларъеш.
Амма хIинца, юха а довха денош духадаьхкича, Мутушан хьалде меттадеана куц дара, хIунда аьлча, цо а яхийтира юкъара дийца шен векал езаеллачу жимачу йоьIан нанна тIе.
Цигара юхаеанчу зудчо дийцира, ша захало хьахийча, Кесира чIoгIa цецъяьллера, бохуш, бухахь зуда а йолуш, кхуо керла зуда ялор хьехадойла хиъча. Вуьшта, хьал мухха хIоьттича а, гуьйре йистовга дIагIортталц йоI хьала а, охьа а маре ялар хьехадойла яц, аьлла тIе а-тоьхнера нанас.

Мутуш кхийтира: гуьйре кIаргъяллалц йолчу ханна, юха а ша хьалха леллачу балха а вахана, шортта ахча дан деза!
Амма «бичешца» кхин ца лаьара цунна юкъаметтиг яло. Юьртахойх бригада вовшахтоха сацийра. Бакъду, бригада хIинца жима а, говза а, бохучух дика кхеташший долчу адамех лаьтташ а хила, езара. ГIуллакх ондданиг дара юьхьарлоцуш.

* * *

Руслана школехь дуьйна бинера оцу безамехьчу йоьIан тидам. «Caн! ткъе кхоъ ткъе диъ шо хир ду цо школа чекхйоккхучу хенахь», — хьесап дира кIанта. Цунна дагадеара цкъа ша цунна тIенисвалар. Готтачу тIайна уллохь лаьттара иза, дистинчу хих цун¬на тIехула дехьаяла кхоьруш, елха а йоьлхуш. Русланан когахь резинкин эткаш яра. Ша даьржинчу хи чухула а волуш, техкачу аннаш тIехула дехьаяьккхира цо жима Лолита.
ХIинца филологин факультетан студент волчу Русланна, шена санна, и де йоIана а дагахь хир ду, аьлла хетара. Стохка кехат а яздинера цо Лолите, школа чекхъяккхарца и декъал а еш.

«Суна и дага ца догIу, — яздора йоIа дуьхьала, — амма, хьо санна, суо а доьшуш-м хуьлуьйтур яра ас. Нанас ца йохуьйту-кх».
ХIунда ца йохуьйту, ца дуьйцура Лолитас. Ткъа нанас и ца-яхийтаран бахьана xIapa дара: дешаррий, болх баррий хазачу мехкаршна тIехь дацарх тешна яра иза. И дерриге дан дезарш марой хетара цунна, церан хазаллина ял луш.

Лолитина шена ишта хетацара. Амма иза ненах тешара, йоI шений бен кхача ца езарх дог тешна Iачу Русланан докъазаллина. Захалчашший, юкъархой Лолитин нанна тIе Руслана хьовсош бацара амма сихха. Хухуртахь йийна яьккхина и «гуьйре кIарглун» хан йоьIан нанас ша, университет чекхъяккхаран диплом а кисанахь, юьрта цIа воьрзу волчу хенаца нисъеш тоьхна хиларх шеко яцара цуьнан.

 Русланан синхаамаш экама а, романтиках буьззика а бара, амма церан бух чIагIбеш xIapa ду аьлла схьалаца хIума дацара. Къена да-тракторист шен кIантана къастиина хIусам ян ца кхиънера, ткъа цомгуш йолу нана цIийнан цкъа а йист гучу ца йолу хьашташ дIалиста шена цкъа гIоьнча кхачаре сатуьйсуш Iapa.

Руслан-м шен дахаран накъост хила езачуьнга хIордал дехьарчу литературан классикийн бIаьргашца хьоьжура. Цо цуьнан васт исбаьхьаллин а, документийн баххаш тIехь хIиттийнчу а фильмийн хазачу декъашхошца, меттигерчу а, центральни а телевиде¬нин дикторийн аматашца дустура. Амма церан вовшашца догIуш цунна хIумма а ца карадора.

Русланна хетарехь, хIapa маьлхан дуьне доьхна, даьржина дIадаха дезаш дара, нагахь тIейогIучу гурахь кхо хIума цхьаьна ца кхетахь: цуьнан шен доггий, Лолитин доггий, Кавказан сийлахьчу Iаламо хьоьстучу нана-Хухуртан некха тIехь лаьтта дагна суьпа долу ден цIай.

II-гIа КОРТА

ХIapa кхоалгIа бутт бара Iеласолта меттигерчу хьуьнан бахаме шофер дIаэцна, иштта кхоалгIа бутт бара, карданан сема яцарна, хьунлелон машен хьала ца латалуш и воллу a. ХIopa Iуьйранна вогIура Iеласолта цу бахаман конторан сийначу неIаре, амма чуваха ца хIуттура.

Ларамаза тIеIоттавелчий бен ца хоттура цо шайн хьаькаме: «ХIинца а ца яийтина-те вайн инженеро и карда¬нан сема? — олий. ТIаккха, оьгIазвоьдий, хьаькамо а дора дуьхьала хаттар: «ХIун, хIинца а и кароза ву хьо?» Iеласолтина дала жоп ца карадора. Юха а, алапа шена хIинца а далаза хиларе терра, зудчера ахча а доккхий, охьанехьа боьдучу новкъа волий, кар¬данан сема лоьхуш лелара Iеласолта.

ХIинца, ша хаддаза дIахьочу цу лехамийн кхо бутт буьзча, шен дерриг ирс а, ша дуьненахь йоккхучу хенан маьIна а оцу къацахетаршка еттаргах — карданан семанах доллу, аьлла хеттера Iеласолтина. Шега: «Ирс бохург хIун ю?» — аьлла хаьттича: «Карда¬нан семанаш хилар», — жоп лург хир дара цо.

Цуьнан зудчо шовдана йистехь шен накъосташца ден къамелаш а карданан семанан хьокъехь хуьлура. Цуьнан кхетамехь кар¬данан сема — цхьа тамашийна, дашочу басахь, муьлххачу машенна а коьрта йолу меже яра. Машен гича, кхиберш санна, цуьнга тIехула хьаьжна ца Iаш, чкъургаш кIел а, капота кIел а хьежа Iеминера миска, и атта карош йоцу, дуьненан мехе хьалагIоьртина хIума ган сатуьйсуш. Амма цкъачунна шен и хьаго яйа аьтто балаза бара цуьнан.

— ЛадогIахьа, оцу йохкаэцархо йолчу Кесире тIекаре йича хIун дара-те вай, и карданан сема ша лелачу Москвара я Ригера яхьахьара, аьлла? — кхетаме йистхилира зуда, Iеласолта цкъа шеен рогIерчу лехамашкара цIа кхаьчча.
— ХIун дуьйцу ахь? — куьг ластийра вукхо — Сел еза хIума текхочул, цулла ткъех дубленка йохьур яй цо.

Нийса хийтира зудчунна и жоп.
Ткъа селхана Iеласолтин бераша, школан кертахь гулдина Iуьллучу аьчгалара яьккхина, цхьа еха, мекха йоьлла биргIa цIа а еана, хаьттира дега: «Дада, хьажахьа, хIapa хIума юй-те оцу кар¬данан семанах тера?»

Iеласолтин воккхахчу кIанта сацам бинера, ша школа чекхъяьккхича, машенаш ечу заводе балха а вахана, и карданан сема цунна цигара схьатаса.
Юьртарчу наха, Iеласолта дуьхьалкхетча, салам далале хьалха геннара хоттура: «ТIаккха, карийний хьуна и карданан сема?» — олий.

Цкъа цхьа доьхннарг дазза а висира Iеласолта. Дикка хан яра цо колхозан гаражан кертаца лаьттачу цхьана тишачу самосвалан тидам бина. ЧIогIа сакIамделлера, буьйсанан бодащкахь цун¬на тебна тIе а вахана, масех болт схьа а хьовзийна, тIаккха...
Апрель беттан буьйса Iаьржа яра. БIаьстенан малхо бакъийнчу хаттах, механизаторийн эткаша хьешаза йитинчу меттигашкахь, хьалагIоьртинера баьццара буц. Сихха самосвала кIел иккхира Iеласолта.

Гайканаш хьийзон догIа къуьйлу цуьнан куьг хийла ша сатийсинчу карданан семанехьа хьалакхевддашехь, коьртехь гIевттира кхаа баттахь тIетаьIIина бина лехамаш. «Деллахьа, кху машенан да а вуллу-кх ас оццу Iазапе!» — дуьйлира хье чу. «ХIан-хIa, цу Iазапе ца вуллуш-м, хье юккъе топ тоьхна, вер гIоле ю», — аьлла, меллаша хьалаваьлла, цIа вахара Iеласолта.

Хухуртахь, гонаха массанхьахь а санна, хьекъаш лаьттара къона бIаьсте. Карданан семанна тIаьхьаваьлла кхерстаро дахаре философан бIаьрга хьежа Iамийнера Iеласолта. «XIapa дахар хIун ю ян мукъане а, — ойла йора хьуьнан бахаман хилаза висинчу шоферо, — кхуьнан дерриг а маьIна оцу цхьана аьчган хIуьмалгах дозуш хилча! ХIан-хIа, хIapa лолла ду! Шаверриг а вуьззина тIeверзалур волу хIума ду стага лаха дезарг. ТIаккха, хIopa бутт чекх мосазза болу, айхьа хьегначу къих ял а оьцур ю!»

Карданан сема эца зудчера ша тIаьххьарчу рогIехь эцна ахча оццу шен философино райцентрана гена йоццуш, шайн юьрта боьдучу некъан йистехь лаьттачу шашлычне дахьийтира Iеласолте. Цу сарахь Iеласолтин коьртехь кхиина йовла ёзаш яра истории барамашца къийсаяла таро йолу яккхий ойланаш.

* * *

ХIинца цхьанна а дагадагIац, Хухуртах ойланчийн юрт хIунда аьлла. Цхьа а вац дагадогIуш, стенах йина цу гена дIаяханчу заманашкахь кхузарчу наха шайн ойланаш. Ткъа таханлерчу хухуртахочо йийриг хIун ойла ю-м хуур ду кхачо йоллуш. Iаьнан ехачусуьйренашкахь, буьйсанашкахь, дехачу беттанашкахь ен ойланаш а цхьаьна.

 Нагахь уьш йийриг болх боцуш висина а, ткъа цуьнан зуда шегара цхьа бераш даран турпалалла гайтина а хилча, — тIаккха-м муххале а. Ахча даккха меттиг мичара ер яра-те, бохург бен хуьлийла дуй цуьнан дагахь? Ахча — мелла а алсам а, болх— мелла а атта а хуьлуьйтуш. Изза дара-кх ворхI беран да а, хьалхе къанъяла йоьллачу зудчун мар а волчу колхозан объездчикан Iалавдин дагахь дерг а.

XIapa масех Iа дара Iалавдис, бIаьсте тIеярца цхьаьна ша xIyн санехь гIуллакх долийча бакъахьа дара-те, бохуш, ойла ен. Амма тIейогIура бIаьсте, председателе хьадалча воуьйтура, Iалавди шен оццу, деккъа цхьа ча а дууш, колхозан фермехь Iаьнера яла юха а де тоьъначу говра хуура.

Цхьа хIилла дара Iалавдин балха тIехь. Колхозан кассехъ ша xIopa баттахь оьцучу ворхI туьманал а сов дезий-те аьлла деза а дезара цунна шен иза. Объездчикан и хIилла цо шена вовшахтоьхна тешаме цхьа тоба хиларх доллура: оцу нахана цанашлахь уггаре тоьлла меттигаш юьтура цо, цхьаьнгге а хьа ца йойтуш.

 Цу наха, шена томана бела а къежаш, хьесталуш, кисана хьерчийна кехаташ Iиттар — и дара Iалавдина уггаре хьоме дерг. Иштта самукъадолура Iалавдин цул тIаьхьа, куьйгаца шар а деш, и нахарташ ягаръеш, и ахчанаш ура-атталла уггаре комаьршачу муьрашкахь а итт туьманал совдовлуш ца хилахь а.

Делахь а цул кIезиг там ца хуьлура Iалавдина, сарахь аренашкара ша цIа вогIуш, керла хьаькхна буц йохьуш. Цу Iалашонца цо шена яйн цхьа гIудалкх йинера ризинкин шина чкъурга тIехь. Й йол тоьура ши етт кхаба. Шина аттера xIopa шарахь хуьлучу шина эсах цхьаъ цо, цхьа шой ах шой мел дузу, Iа юккъе дахча, лахьанна доьра, ткъа важа духкура, цунах кхаьчначух берашна Iаьнан барзакъ оьцура. Ишта схьавеара Iалавди дIаяханчу гурахь председатела, ерриге басеш аха ааьхна, цига силосана хьаьжкIашший, маьлхахIушший ден сацам баллац. Кхийтира Iалавди шен хIилла кхин леларг цахиларххий, говр нагахь кху Iаьнах а ялалахь а, керлачу муьрана ша объездчик воьхур вацарххий.

Цхьана сарахь, гуьйренан юьххьехь, суьпа стаг волу Iалавди динан тобанах дIакхийтира. Есанаш, мовладаш, цигахь хецца лун даарш даггара къобал а дина, динан гIуллакхашца еххачу ханна зIе таса а царна, муьтIахь хила а лиира цунна. Мел ойла ярх, цул шена санехь хIума ца карийра цкъачунна.

Дуьхьала кхетча, ларамца хьал-ле хатта буьйлира хухуртахой Iалавдига. Суьпачу нахаца цхьаьна доьзалийн дика-вонашка кхуьйкхура иза хIинца юьртахоша. Цхьаболчара цхьацца хIуманаш тIехь хьехам а боьхура цуьнга.

 Ша лун хьехамаш Iалавдис, вирдан вежаршций, меттигерчу Iедалций йолу юкъаметтигаш йохо ца луущ, дипломатица цхьаьнаялош лора.

Цкъа луларчу юьртара веана цхьа    вевзаш воцу стаг, жайна даккхахьара шена, аьлла дехаре велира Iалавдига. Йохкаэцархочун Кесирин йоIана ша веза а валийтина, и яло лаьара шена, бохуш. Дика ладуьйгIира Iалавдис веанчуьнга, тIаккха, цунна цхьа а жоп ца луш, шен зуда схьакхайкхира. Элира хьеше:

— Хьажал цкъа хIокху дакъаделлачу Iacпape. Делан дуьхьа,
алалахь, Iийр вара, аьлла хетий хьуна, со цуьнца цхьана тхов кIел,
сайга и ахь боху жайнаш дахалуш хилча?
Вирдан тоба гулъеллачохь Iалавдис интернационализман, къаьмнийн доттагIаллин къамелаш хьалхадохура, оцо шена ша керла  юьхьарлаьцначу гIуллакхехь чIaгIo лург хилар хууш.
Ткъа xIинцца дукха хан йоццуш, бIаьстенан юьххьехь, Iалавдин керлачу даржана дагахь а боцу эшам хилира. Цхьана мовладехь кхаьънаш кхийдореххий, уьш оьцучеххий лаьцна къамел тасаделира. Руслан цIе йолчу цхьана имансизостуденто Iалавдига хатта дезий хьуна цигахь: «Алахьа, Iалавди, пачхьалкх Iexopца оьцуш долу ахча хьарам лара дезий? КъорIано ма боху: муьлхха Iедал а делан лаамца лаьтташ ду», — аьлла.

— Деза дера-кх! Бакъ бусалбанна хьакхин щурел хьарам дина
ма ду иза!

Чуьрачара, цо аьлларг къобалдеш, кортош теIадора. Кхин цхьа тоьшалла а делира царна, Iалавди пайхамаран умматах хилар чIагIдеш. Ткъа Iалавдина цIеххьана дагадеара: «Сан дела! Ас дийриг! Суо тIехь Iен га ма ду ас хадош дерг-м! Сo муха ваха воллу, наха кховдош хIума а йоцуш? ТIаккха а — кхузахь дуккха а мабу соьга ахчанаш кхийдийначех!..»
Иштта догдоьхна Iаччохь юха а и хьалхалерра докъазаллин хаттар хIоьттира цуьнан дагахь: муха даккхалур-те ахча?

* * *

Пивон хьалхара кружка Iеласолтас сихха дIамелира, дIаса ца хьажавала гIерташ: бевза-безарш шашлычне дукха гуллун хан яра, ткъа царна мара веттавалий, зудчо деллачу ахчанах пиво мийлой лаацара.

ШолгIа кружка Iеласолтас мелла а меллаша мелира. КхоалгIа ша дIайоккхуш, жим-тIама дIасахьежа велира: чIара бац-те бухкуш? Ткъа йоьалгIа кружка чекхтесча, бевзачарах цхьаькца тIeкаре вала лаам беара.

Оьздангалле лестинчу дагна боккха кхаъ хиларца бIаьрг кхийтира цуьнан кхура кIел лаьттачу стоьле хиъна Iачу шина хухуртахочух: жимма хьалхо завмаган балхара вохийнчу Куршабаххий, шабашникан говзаллин дех Мутушаххий. Ша царна новкъа хир вуй, ваций, и шиъ массарах къаьстина хIунда Iай, бохучу хеттаршка а ца кIарглуш, юьзна кхин йиъ кружка а эцна, шуьйрра вела а къежаш, царна тIевахара Iеласолта.

— О-оссолом Iалайкум! — геннара салам кхоьссира цо шина
юьртахочуьнга.
— Ва Iалайкум салам! — дегазо хьалаайвелира важа шиъ.
— Со ма Iа хьоьжуш, шуьшиъ ву-те, вац-те, бохуш! — гIадъоьхура Iеласолта, шен юьртахой шена, Хухуртана ялх километрехь гуш а боцуш, цьана геннарчу махкахь, аьр вай, Владивостокехь, хIордан портехь гуш санна.
— Охьалахло, — элира бухарчара.

— ХIун молу вай: кIайниг, цIениг? Я кхунах тоам бо? — комаьршаваьллера Iеласолта.
— ХIун, карданан сема кара-м ца йина хьуна? — акъвелира ши юьртахо.
— ХIан-хIа, ца карийна дера-кх! Амма дахаран маьIна-м девзи!
— Боккъаллий? и доккха хIума ду! Тхуна а дийцахьа и.
— Дуьйцур ду. ЛадогIа хIета. Дахаран маьIна хIун ду шуна, аьлча,—и дера ду стаг цхьана пайда боцчу аьчган хIуьмалгах во¬зуш цахилар! Аьлча а, билггал долчу цхьана а хIуманах возуш цахилар. Стаг маьрша хила веза, шега далуш дерг дуьззина кхочушдан йиш хилийта. Иштта шена хьакъ дерг, аьлча а, ша даьккхинарг, дуьззина схьа а оьцуш!
— Дукха чIогIа нийса боху! — цхьабосса серлабевлира вукху шиннан бIаьргаш. — ХIинцца и дуьйцуш ма Iapa тхойшиъ а.
— Боккъаллий?
— Бакъ ду-кх и! Тхойша, хIун, кхузахь эрна хиина Ia-м ца моьтту хьуна, тIееана лаьтташ бIаьсте а йолуш, дIасахьаьжна валале догIур долуш Iа а долуш?..
— ХIай-хIай. Со а ма ву цхьа бакъ долу, ахча догIу долу гIуллакх каро дагадеана. Со-м цхьанхьа генна дIаваха а реза вара...
Куршаб, Мутуш вовшашка хьаьжира. Нисдала а дезий иштаниг: и шиъ-х хIинцца Iapa, шаьшшимма дагалаьцначун декъа мила валор вара-те, бохуш, ойла еш.

* * *

«Грозный — Павлодар» маршрутаца йоьдучу цIерпоштан купен вагона чохь дIа а нисъелла, Iалашонашца чIагIъелла елира хинйолу гIишлошъярхойн бригада. Мутушана xIapa новкъа валар poгIepa дара. Беламе хетарца ладоьгIура цо «деха сом» лаха арабевллачийн дегайовхонечу къамелашка, хьалххе дуьйна цара сатуьйсурш аьттехьа хир доцийла хууш. Амма ша юкъа ца лелхара, «хIан-хIа» ца олура. Лаацара царна халахетийта: и халахетарш кху тIейогIучу аьхкенан йохалла оьшур долуш дацара царна.

— Хухуртахошна «понт» кхуссуш, цIа вертолетахь дахка деза вай, — бохура Куршаба, Лолита цецъяккхар дагахь а кхобуш.
— ХIун дуьйцу ахь! Казахстанера дуьйна Хухурта далийнчу вертолетах хIун дер ду, хаьий хьуна? — тохавелира Iеласолта.
— Хьан боху хьога — Казахстанера дуьйна? Грознера, бохий ас-м.
— ХIан, иза-м мегар а ду. Ткъа тIаккха — охьа мичахь хао воллу хьо и? Сан керт жима ю. Зудчо ша йиттина хIуманаш хьалаохкахь-м — муххале а.
— Дер хьан зудчо шен... хьалаохкахь, боккъалла а, вертолет охьахао меттиг юьсур а ма яц...

— ХIей, хIей! TIеx ма вийла! Зударий-м боьршачу нехан кертахь хуьлуш бай Боьрша боцчийн керташ яй уьш хье ца лурш-м...

— Тоийтал! Девнаш ма даха! — шен мукъ схьалецира брига¬диро. Цу шиннал а, селханлерчу цхьана сарахь ша тIеверзийнчу шен геннара гергарло долчу Iалавдил а жимма ханна воккха вара иза.
Купе чохь тийналла хIоьттира. ХIоранна а цхьабосса дагадеара: «ХIун хир хьовха кхунах, хIинццехь дуьйна xIapa девнаш дийла доьлча?..»
— Зударийн, гергарчийн паспорташ-м ца дицдина аш? — цIеххьана дагадеара Мутушана.
— ХIан-хIа, — жоп делира шимма. Куршаб вист ца хилира.
— Ахьа, Куршаб?

    —Кхуьнан зуда маре ма яхана. Ткъа, ваха а вахана, цуьнан
майрачуьнга паспорт доьхийла юй кхуьнан? — ца Iавелира Iеласолта. Вертолет охьахао оьшу меттиг хьехочохь цо шена Iоьттина ю йиц ца лора цунна.
— И хьан гIуллакх дац! — тIечевхира цунна Куршаб, кисанара паспортийн дийнна туп схьа а йоккхуш.

— И хIун ю? — цецвелира хийла хIуманаш гина волу Мутуш.
— ХIун ю, бохург хIун ду! Паспорташ ду-кх. Бакъдерш. Айхьа ца бохура ахь, паспортийн дукхалле хьаьжжина хир ду язден ахча а? Цундела ас дан а дохьу-кх.
— Хьаьнгара эцна ахь уьш?

    — Дегара а, ненера а, йиша-вежаршкара а, лулахошкара а...
    — Дика-м ма Iийна хьо, паспорташ доьхуш, юьртахула ца волалуш! — тохаделира бригадиран Iаьржа мекхаш.

    — Шек ма валахьа! Сан сайн нах бу, тешаме а болуш! — дIахьедира завмаг хиллачо, «вай а дац кIезиг гина», олучу битамехь.
— ХIума дац хIета, айхьа луьстур ахь дIа, —дIахилира бри¬гадир.
— ХIе-е! Некъ бацбе вай ваьшна, — дIаоьллина кхозучу шен пиджакан кисана гIоьртира Куршаб. Массо а кхийтира иза малар дан ресторане ваха валларх.

— ХIета, кIентий, ишта ду шуна! — омра дечу озаца вистхилира Мутуш. —Тахана дуьйна дIа юкъарчу хьашташна дойу ахча юкъара хила деза вайн. Цкъа юьхьанца итт-итт туьманаш вовшахтухур ду вай. Касса хьаьнга лелаяйта вай?
Массо а вовшашка хьаьвсира.

—Бригадир хиларе терpa, ахь лело еза, — элира Куршаба. —ХIан-хIа, кхул коьрта кхин гIуллакхаш дукха хир ду сан.
— ТIаккха — Iалавдис! — мохь хьаькхира шен итт туьма, зав¬маг хилла волчу Куршабан буйна а дахана, дарна кхеравеллачу Iеласолтас.
— Нийса ду. Iалавди жим-тIам молла а ма ву вайн: Нийсо лелор йолуш къонах ву. Цунах тешийнарг довр дац, — бригадиро а аьлла, итт-итт туьманаш цуьнга дIаделира.
— Ткъа хIинца схьадагардел, Iалавди, маларна догIу соьмалгаш, — гежа волавелира Куршаб.

— ХIан-хIа, дагардийр дац, — тийна, амма кхачо йоллуш жоп делира казначейс.
— И бохург хIун ду — «дагардийр дац»?! — сакх цуьнга хьаьвсинчохь бисира накъостий.
— Малар — иза ерриг а юкъараллина ца хилча ца тарлун хьашт дац. Малар мийлар — иза ша къаьсттина болу лаам бу. Цундела и кхочуш а шен чоьтах ша бан беза, боьссинехь.
Куршаб бригадире хьаьжира. Бригадир ша а ца кхетара шена хIинцца хезначух. Iалавдис ша аьлларг тIедуьзира: «КъорIанна тIехь аьлла ду, муьлхха Iедал а делера схьадогIуш ду... Вайн массеран а долу ахча чагIарх дохкарца ас доладойтур дац!»

Кхийтира накъостий ойла ца еш шаьш диначух. Бригадир доггах велавелира.
— Нийса ду! — казначейна тIетайра Iеласолта а. — Вайн ахча эрна дIаса ма кхиссийта ахь. Кхано тIаьхьа, алссам схьадаьккхича, керла касса вовшахтухур ю вай цу йилбазан сакъераршна, казна¬чей Куршаб a хIоттош.
— Мегар ду хIета, — ша долийнарг дагадеара Куршабана. — Лаам сайн белахь, и сайна буьтур ас. Воьду со дан.


* * *

ДIакхаьчча, дукха хенахь дуьйна Мутушан хьаша хилла «Басбулакх» совхозан директор Кхаймаспурпуров КхангIызбек Улыбургенович балхара дIаваьккхина карийра. Делахь а, цхьадика, керла хIоттийна директор Улыбургенов Кхаймаспурпур КхайгIызбекович а хилира Мутушана дика вевзаш. Иза кхуззахь хьалха прораб вара.
Маьлхан Нохч-ГIалгIайчуьра хьеший гича, бIаьрг белабелира Улыбургеновн, амма цо бегаше доцушший, цхьалхадаьккхиний элира:

— Гишлош «кхарашо» йотта езар ю! Шичас вирема стуроги настал! Шалтай-балтай не пайдот!
— Шалтай-балтай хир дац хьуна, — майрра тешийра иза Мутуша, тIаккха изий, директоррий шаьш шаьш висира, ен йолчу гIишлойн хьокъехь цхьацца хIуманаш билгалдохуш.
Оццу дийнахь лафетаца схьахIоьттинчу «Кировцо», кхоалгIачу отделене дIа а кхачийна, чохь ина-са ца хаалучу цхьана лохочу хIусамна уллохь охьаяссийра совхозан меже хуьлуш дIахIоьттина керла подразделении.
— ДIо-о, гой хьуна? — «Европе кор даккхале» хьалха Петра Хьалхарчо санна, куьг тесира Мутуша.

— Го цхьа ферма-м, — элира Куршаба.
—Делахь-xIeтa, оцу ферми тIера дIа а дуьйлалур ду-кх вай, — маслаIате садаьккхира бригадиро.
—Ткъа цунах хIун лур ду вайна? — лург хаа лиира Iеласолтина.

— Шишша-кхоккха хьала а охьа а лур ду. Ахчанца ца лахь а, шерашца, — кормате Iоьттира Куршаба.
— Хьан и хабарш пехашка йовлуш лаьтта суна! — дуьххьара даре дира цунна Мутуша. Цуьнан Iаьржа мекхаш юха а тохаделира. Завмаг хиллачун беса ши бIаьрг дIасаида белира, Хьаьрса мекхаш охкаделира.

— Ас хIун доьхнарг аьлла?
И паспорташ, и хабарш, и сонта лелар дикане кхачон волу хIуманаш дац! Бегашаш а битина, гIуллакх дIадолон хан ю. Забарш, ловзарш, сакъерарш цигахь лелор вай. ЦIахь! Ткъа кхуза вай цхьа Iалашо йохьуш даьхкина — ахча дан! Садетташ а, хьесталуш а, дуьхьала дист ца хуьлуш а, хастамаш беш а, делакъежаш а, амма — ахча дан! Кхийтин шу?

—ХIаъ, — кортош таIийра накъосташа, бригадир чуьравийларан бахьанех кхета а ца кхеташ.
— Кхин цхьаъ а ду шуна, — кхин а луьраха тIетуьйхира Муту¬ша. — Паспорташца ас ден дерггий, ахча декъаран барамашший — иза шун бала болуш хIума дац. Ткъа ас шуна дош ло шуьга баттахь шовзткъе итт-итт туьманел лахара ца эцийта. Цул кIезиг нислуш хуьлий — ас сайн кисанара тIетухур ду шуна. Сов кхочуш хуьлий —шун бала ма кхача. Делахь а, хьелаш тодаларе терра, премеш а хуьлуьттур ю ас шуна. Шу кхийтин?
—Кхийти, — реза хилира шиъ. Куршаб билгало ца яьккхича ца Iавелира:
— Вай ишта-м ма ца бинера барт...

—Ас баха ма бехира хьоьга, хирг дIакхаьчча къаьстар ду. Дерриг а дохий сан доттагI директор дIаваккхаро. Ткъа xIapa керла хIоттиинарг шайна а гин-кх шуна. Цхьа аренан лом ду-кх! Кхуьнца забарш чекхъевр яц. Кхунна сов кхийдо дезар ду.
— Ду-те, — тIетайра хIинца берриге а.
— Ткъа хIинца вешан Iойла тоер вай. Шу кхузахь совца, со вайна совхозан складера оьшург ян воьду.
«Кировцан» кабини чу а хиина, цхьанхьа-м дIавигийтира цо ша.


* * *

ЦIерпоштан купе чохь шайн тойнах йисинарш ша чуIиттинчу шен спортсменийн тIоьрмига чу хьежа велира Куршаб, амма хIумма а ца карийра. Тов хьерча делкъе чIогIа халонга яьллера сийсара сарахь дуьйна юучух бат тохаза болчу гIишлошъярхошна.
— Iалавди, вай мацалла дIа ца къовкъийтархьама, хIинца мукъана мегар дарий-те и хьан касса йоло? — хаьттира Куршаба.

— Мага а там бу, — реза хилира Iалавди.
— ТIаккха, хьо дика а вай, кхеран кхузахь «забегаловка» я гастроном-хIума юй а хьажий, делкъе яйтахьа вайга.

— Со а вогIу,—Iеласолтас а аьлла, Iалавдий, изий напгIa лаха вахара.
Шайн керлачу хIусаман нeIapx юьстахо Iуьллу аьчган хьокха а гIортийна, Куршаб, меттигерчу аренийн хазаллашка бIаьрг тоха, хи долчухьа дIаволавелира.
Гуш цхьа а адам доцуш, тийна дара, Хих гIуьттучу шелоно аренан xIo огаран хьожанца эдора. ГIамарла охьалахвеллачу Куршабан ойланаш Кавказе, Хухурта, шел хазаниг кхин хуьлийла доцу Лолита йолчу дIахьаьлхира. «Баттахь шовзткъе итт туьма — эха шарахь кхо бIе туьма хуьлу.

 ХIумма а луьста ма дац. Халла Лолитех лучу томана тоа тамбу. Ткъа Iамуха даккха деза? Цу тIе, декхарш а ду дIатакха дезаш! Дера луьста-м дац, — доккха садаьккхира цо. — Суна хетарехь, Мутуш тхо Iexo гIерта. ХIан-хIа, кхиберш шена ма-луъу Iехабе, амма со-м Iexop вац! Со суо а ву милла а Iехалур волуш. Пхи «кусок» охьатосуьйтур ю, тIера сом ца оьшуьйтуш!

Лолита... Хьоме Лолита! Хьан башхачу дегIах, хьан цIарал довхачу балдех, хьан маликан бIаьргех луш йолу пхи «кусок» — и ахча ду, тов?»
Куршаб дагахь хьеста велира Кесирин жима йоI, безаман цIаро дуьхьала дохк яийтина, цуьнан ши бIаьрг ваьштабахара. Ойланехь йоьIан месаш хьейора цо, цуьнан ховхачу дегIа тIехула шен хьогаме куьйгаш шершадора...

— Куршаб! — тIехьара схьа мохь хезира цунна. Уггаре хазачу кхаьчиначохь ша юкъахваккхарна дарвелла, хьалаиккхира иза:
— ХIун оьшу хьуна? — олуш,
— Кхузарчу туьканахь хIумма а дан-м дац, стохкалера пряникашший, «томатан берамла йоьхкина кильканаш» аьлла йолу чIерийн консервашший бен.
— Эца мукъана ийцин ахь?
— Ийци.

Куршаб бердах хьала а ваьлла, кхуьй а цIийнехьа дIаволавелира.
HeIape дIакхаьчча, Iеласолта, Iадийча санна, сецна, вогIавеллачохь висира. Дош ца алалуш, инзарваьлла, Куршаба, ша дIавоьдуш, нeIapx гIортийнчу аьчга тIе ши бIаьрг а боьгIна лаьттара и.
— Ахь хIун до? — кхеравелира Iалавди, цхьаъ хилахь а, аьл¬ла, аятех муьлхха а цхьаъ дагалаца гIоьртира.

— XIapa мичара яьлла? — халла вистхилира Iеласолта.
— ХIун, xIapa эчиггий? — хаьттира Куршаба.
— ХIаъ, и.
— Кхузахь Iуьллуш яра-кх. Суо хин йисте воьдуш, ас, мохе неI ца еллийта, гIортийнера xIapa.
— Муха — Iуьллуш?

— Ой, иштта дIа Iуьллуш. И дIо ю-кх и Iиллина лар.
— Ткъа хаьий шуна, xIapa хIун ю?
— Карданан сема хилча тара и?! — кхийтира, эххар а, Куршаб.
— Дера ю! «ЗИЛ»-н бакъ карданан сема! Керла сема, жимма тIехула мекха лацар бен, кхин хилла хIума а доцуш!

— ХIета, доттагI, къаьркъанан шиша догIу хьоьгара. Схьаэца хьайн карданан сема, вешан пряникаш яа доьлху вай, тIе килька а кхоллуш,
Накъосташа тIеховший, юург охьайиллий хIумаваш лоьхучу юкъана Iалавдис, бисмилла а аьлла, пряник бага йоьллина, чIоггIа ваьштатаIийра мочхалш. ТIаккха, гIийла узар а дина, кхоьссина дIаяхийтира кагъян шен ницкъ ца кхаьчна пряник. ТIулган зов дуьйлуш, хахкаелла дIаяхара пряник аннийн цIенкъахула. 

— Хи дан деза, уьш яшо, — юкъадалор дира Iеласолтас. Амма и дан хIума ца карийра.
— Цул, хин йисте а дахана, циггахь, хи чу Iуьттуш, яша а еш, йиъча, гIоле хир ма дара, — элира Куршаба. Бисинарш цунна тIе а тайра.
Бехха баьхкира накъостий пряникаш яшо гIерташ, амма гIуллакх ца хилира.
— Лулахошка гIo ца дехча дер дац, аьлла, баьпган булка еха сацийра тIаккха. Кхаж тесира. Куршаб хилира воьду.

Ваханчохь цхьана сохьтехь хьевелира Куршаб. Эххар а вухавеара, чIогIа оьгIазвахна.
— Сила йолчу кху отделенехь а цхьа стаг ца хили-кх лартIехь! — цецвуьйлуш, яппарш йора цо.
— ХIун, ца дели хьуна?

— Ца дели дера-кх! Со вовза а-м ца лии!
— Бехк а бац. Царна мичара хуур ду, вай муьлш ду а, стенна даьхкина а... Хьанна хаьа, вай къуй дуй а, — и теван гIоьртира Iалавди.
— Хьовсур вай, хIета. Со со ма вац хьуна, ас царна и ца декхахь! — чIагIо йира Куршаба.

* * *

Мутуш сарахь схьакхечира, мотт-гIайбешший, пешший, пхьегIашший, белхан гIирссий, пхи булка бепиггий дохьуш. Хьалхар¬чу дийнан пхьуьйре а, шолгIачу дийнан Iуьйре а, делкъе а томатаца кечйинчу чIерийн консервашций, Iаьржачу баьпгаций йира. Бел¬хан хьалхарчу дийнан пхьуьйрана карамель конфеташца гуьржийн чай хиларе сатуьйсийла хилира.
Делкъанна хIума а кхаьллина, Мутуш конторе вахара, хинйолчу нарядан хьокъехь дерг билгалдаккха.

 Куршабана цIеххьана дагадеара Пушкиний, Лермонтовссий иллешкахь лекхначу, школехь Iамочу xIopa книжки тIехь хастамалле кхийкхочу сийлахьчу Кавказан векалш долчу шайна кхузарчу меттигерчу бахархоша ца дина хьошаллий, ша царна бекхам бан делла дошший.
Дуьненахь цхьа а хIума дацара цу турпалчу сацамах и вухаваккха. Шина накъостах къайлаха шаьш бепиг хадошший, консерваш йоьллушший лелон доккха таллархойн урс чета а доьллина, иштта къайлаха араваьлла, хи долчу агIорхьа дIавахара иза.

Цхьана минотана сацавелла, жимма ойланаш еш лаьттира иза, ша ден долчун хьесапаш деш. ТIаккха, верзина а ваьлла, пIелгаца уьрсан суй хьабира — банканаша артдаза карийра иза. Хьалхахьа дIахьаьжира: хIан, дIо лела! СхьахIиттина, кхуьнан даго малоьхху...
«ГIа-гIa, гIaг-гIa!» — маьхьарий девлира кхераеллачу гIезашка, дог майра кавказхо, Теркал дехьара говрийн реманаш кхийлинчу къонахийн тIаьхьенах долу вайн лом гучудаьлча. ДIаса а хьаьжна, хи чу велира Куршаб. Хи, цхьадика, гIеххьа кIорга хили¬ра, бекхамхочун дегI къайладаккхал.

 Шина гIезаца цхьаьна шен корта хи буха хьулбира Куршаба, берда гIepa цхьаъ и лерина тергалвеш хилча а, цо биначу бекхамах кхетар а воцуш.
Кортош а даьхна, дика дIалечкъийна, коьллашлахь гIезаш Iaxка и йитина, цIа веара Куршаб.
— Цхьа жеро евзийла хили сан, — элира цо накъосташка.
— Цулла а совхозан цхьа жаI вевзи велара хьуна, — шен дегазло схьахьейира Iеласолтас, — мацалла лийр ву кхузахь-м.
— Сих ма ло, — къежира Куршаб, — цу жерочун-м, шен хазачу настарел совнаха, кхин цхьацца хIума а яй!

— Масала?
— Масала, гIезийн жут!
— ХIаъ, гIаз кхоллур ахь...
— Ас хьовха, вай массара а-м кхоллур ю... Цхьаъ а ца кхоллуш, шиъ-м юур ю цхьаьнаметта!
— Ахь боккъаллий? Маца кхиавели хьо? — цецвелира Iеласолта.
— ХIун дан, боху ахь?
— Он, ши гIаз яллал цунна везавала.
— Иза-м даккхийчех дацара.
— XIa-ан, куьг ластийра Iеласолтас, — ма-варра хьо вевзича, шен гIезаш дIайоьхур ю.
— ХIунда, тов? — сакхвелира Куршаб.
— ХIунда яхана хьан зуда хьоьгара дIа? — мацах Куршаба хьахийнчу вертолетан охьахуийлина ша бина дегабаам биц ца лора Iеласолтина.
— Ахь хIун дей, диталахь и хабарш! Бегашийн а шайн цхьа доза хила деза! Бат цасацаяхь, гIезан чорпа а кхочур яц хьуна!

Т Iаьххьарчу дешнаша меттавалийна Iеласолта кхечу, кепара вистхилира:
  — Делахь, схьая и хьайн гIезаш! Ас, дечиг   даьккхина,  пеш латийна, яй уллур бу.

* * *

Схьакхечира суьйре. Сахьт хьалха цIа веана Мутуш кху отделенехь сел комаьрша жеро хиларх шек вара, амма, ша а чIогIа ме¬ца хиларна, накъост харц ван ца хIоьттира. ХIинций-хIинций цхьа делегаци гучуйолукх, бохуш санна, кест-кеста гондхьа дIаса а хьожуш, сихо яр доьхура цо, дуьненахь массо хIуманал шаьшшинна уггаре чIогIax дезаделла ши олхазар оьшучу хьоле кхачо гIepташ, каде пешана гонах хьийзачу ирсечу Iеласолтей, Iалавдигий. Куршаб, кхин детта са а ца хилла, цхьанхьа дIасаваьллера.

МаьркIажан бода а къовлабелира. Анайистах чухьулбеллачу малхо буьйсанний, шелонний маршо йитира. Цхьана а хIумано хьоьхуш вон дацара оцу мелачу, беркатечу, философин битамехь аьхначу сарахь.

Амма цIеххьана кхочушхилира Мутуш сел синтемза тергалдинарг. Хи долчу агIорхьара, тийна xIo а датIош, шийла мохь беара: «Вой бо-йой!..» — аьлла.
Мутуш хьала а ца гIаьттира, узаршка а, я девне а ца велира. Шен яшаза юьхь-марш къевллина шина а куьйга схьалецира цо. Куьйгашна шайна бухара ши мекх хааделира. Уьш хиларна дуьххьара эхь доьссира кийра.

Хин агIорхьара герга гIертачу делегацин маьхьаршлахь къаьстара «ша-шан» а, «тукхум гIyp-гIyp» а боху дешнаш, Iеласолтий, Iалавдий, шек а воцуш, жерочун совгIатах гIуьттучу башхачу хьожанах марзо оьцуш воллура, тIееанчу оцу гIовгIанечу тобано шаьшшинний, пешаний, кхехкачу яйний го лоцуш.

— Нехан гIезаш хIунда лечкъийна аш? Алал! — хаттар хIоттийра тIебаьхкинчара.
КIентий шайн бригадире хьаьвсира:
— Кхара хIун боху, Мутуш?
Мутуш, меллаша хьала а гIаьттина, тIевеара.

— Дера боху, вай, аьлча а Куршаба, шайн гIезаш хIунда лечкъийна...
— Лечкъийна-а?.. Муха — лечкъийна?
Вехха ваьллира Мутуш цу нахе дехарш деш, хьесталуш, милице цахаийтар доьхуш. Къола динарг кханнехь лалла дош а делира. Яй чуьра схьа а яьккхина, хIинца эххар а кхихкина яьлла ерстина ши гIаз дIаелира, тIе пхи туьма а луш.
ТIаккха дIабаха тигира баьхкинарш. Хиллачо шаьш-шайх кхардийнера Мутушший, Iеласолтий, Iалавдий. Гучуволлушехь, шаьш, йиттина, уппадвоккхур ву, аьлла хетара царна, Куршаб. Амма ца етташ витира.

— Ас дош ма деллера, царна бекхам бийр бу, аьлла! — бехказвуьйлура завмаг хилларг.
— Ткъа вада хIунда веддера хьо?
— Сом ца веддера. Боккъалла а йолу цхьа жеро лаха араваьллера-кх, гергарло таса...
— Чорпина хIун до вай? — хаьттира Геласолтас.

— Молу-кх. ДIаIанайойла-х даций и. Вайн цунах-м, хьаханор, баьлла беза мах — кавказан халкъан дерриг сий а, тIехула тIе пхи туьма ахча а! — дагах кхета, патриотизмах дуьззина дешнаш далош, вистхилира Мутуш. — ХIораннан къамкъарг ягайойла вайн кху чорпано, ваьшкара даьлларг вайга кеста диц ца дайта!


III-гIa КОРТА


Сирлий, аьхний гIоттуш бара Хухуртана тIехула малх. Хьийкъина евллачу сеналлаша хьулйинера ширачу юьртан йистош, ткъа кест-кеста доьлхучу догIанаша и сеналлаш, мархалъяларх ларъеш, йолчунна тIе а лустйора.

Шо кхаьчна лу санна, куьцеххьий, дахаран ницкъах юьззний йолу йохкаэцархочун жима йоI, дайчу боларехь юьртан йистерчу шовдане йоьдий, ах дуьзначу ведарш чохь хи дохьуш йогIура, ларлуш ког буьллуш, ша ган ирс кхаьчначийн бIаьргаш шена тIехь сецар а хууш.
«ЭхI, маццалц хьоьшур-техьа ахь тхан синош!» — юх-юха а балхамаш бора божарша, ткъа зударша, и бомбанах оьккхуьйтуш я, ши ког хьалхахьа берзийна а болуш, юьртах йоккхуьйтуш, сардамаш доьхура.

Лолитин туьйранашкахь буьйцучел хаза корта-м цхьана шатайпачу ойланаша дIалаьцна бара. Стомаралерчу базаран дийнахь дуьйна цуьнан синна маршо ца лора цхьана цунна тамашийна хеттачу жимачу стага. ГIеххьа безамехь, амма тIех эвхьаза ва¬ра и стаг. Цхьангге а къарлуш доцчу йоьIан дагах кхеттарг хIун дара хьуна, аьлча, — и дара цу кIантана озавалар бохург цхьана а кепара девзаш цахилар.

Цу дийнан xIopa минот ша-ша къастош, дерриге а дагалоьцура Лолитас юх-юха а.
XIopa базаран дийнахь а санна (Кесира шен цхьана гIуллакхашка я дуьххьалдIа коммерцин гIуллакхана цIepa яьлла яцахь), бедарш-хIуманаш юхкучу базарахь вовшашна гена йоццуш лаьтташ хуьлура наний, йоI, вовшашна гуччул бен юкъ ца юьтуш.
Даима а санна, хьеставаларца велакъежаш, масех милиционер хьийзира Лолитина гонаха. Иштта — кхин масех стаг а. Амма кестта и хьежарш лагIделира, дисина де шен гуттарлерчу рожехь дIагIyp ду, аьлла а хоьтуьйтуш.

Базарарчу адаман луьсталла уггаре лакхарчу а, дIасавийлаваларан таронаш уггаре лахарчу а гайтамаллашка кхаьчнера Ло¬лита цхьана французийн IатIаран хьожа етталучу жимачу стеган марахь нислучу хенахь. ЙоIана шен къоначу, ирочу накхошца кIентан аьрха детталун дог хааделча, шех бIоболарций, синтемзий вистхилира иза, вистхилира аьлча а, деккъа цхьа дош хазийра-кх: «Карий!»

Къона цIий ловзаделира Лолитин пхенашкахь, оцо новкъарло йира цунна жимачу стеган марара яларехь, ткъа вукхо хIинца бохура:

— Внуково аэропорт. Еза чамда. Хьуна. тIехь тIаьрсигин боьмаша плащ яра, логах хьарчийна — ховха шарф а... Со Акхболат ву, махлелоран базера. Ца вевзи хьуна?
Цхьадерг дагадеара Лолитина, амма сел мара хьерччал дика вевзаш а, я вевза дукха хан а яцара цунна иза. Шен болу-боцу ницкъ а гулбина, цуьнан шуьйрачу некхах маршаяла гIоьртира йоI. ЦIоцкъамаш оьгIазе совса а деш, бIаьргашца лаамза нана лехира цо, ша хIинцца лайна тамашийна хьал вукхунна тосаделлехь а аьлла... Амма, кхуьнан ирсана, вукхунна и хааделла ца хилира. ТIетаьIIина цхьана эцархочуьнца мах къуьйсуш йоллура иза.

— Цхьа-ши гали норканийн куйнаш хуьлуьйтийла ю сан, — довха шабарш дора Акхболата йоьIан лерехь. Ала хьайн нене — цо, асчул чIогIах мара а къевлина, обанаш бохур ду хьуна... хьоьца цхьаьна суна а.

Ша хIун ала деза ца хаьара Лолитина. БIаьргаш богучу, тамехьчу оцу кIантаца цхьанаметта дика а дара цунна, бегIийла а ца хетара. ЙоIана гIo дан лиира Акхболатна.
— Делахь, ас айса дуьйцур ду ненаца. Цуьнан цIе а, шаьш Iаш долу меттиг а йийцахьа суна.

— Ненан цIе Кесира ю. Iаш Хухуртахь ду, — сихха жоп делира хIинца боккъалла а паргIатъяла сихъеллачу йоIа.

— Дукха дика хир ду. Хухуртахь хила сагатделла вара-кх со а. Хьоьжуш Iелахь, со кестта кхочур ву хьуна, — ша гучу ма-валлара сиха гучуьра велира жима стаг.
Базарам денна тIаьхьа деанчу хьалхарчу шина дийнахь и шаьш долчу кхачарна кхоьруш Iийpa Лолита. КхоалгIачуй, доьалгIачуй деношкахь кхера елира: ца вогIуш Iийр ву-те? ПхоьалгIачу дийнахь сагатдала дуьйлира, ткъа кхана базаран де хуьлуш, и цига цаварна кхоьруш Iийра.

Акхболат цу дийнахь вацара базарахь. ХIинца тахана a Iapa Лолита шен дагахь цу тамашийначу кIентан амал луьттуш.

Хи Iaноpax ларлуш, меллаша ведарш сени чу охьа а хIиттийна, когара мачаш дIаяха охьатаьIча, импортан божарийн туфлеш гира Лолитина. ТIаккха кхечира цуьнан лере чохь нанас цхьана боьршачу стагаца ден къоро хеза къамел. Цхьа цамоьттург-м хуьлу хIинцца, аьлла, дог тохаделира йоьIан, ткъа чоьхьаяьлча... охьайожжаза а йисира: вовшашна эсала дела а къежаш, стоьле хиъна Iapa Кесирий... Акхболаттий!

— Схьайола, сан йоI! — тIекхайкхира цуьнга нана, йоI тIехькогахь хьешан дог къардечу кепара юй-те, бохучу дог-ойланехь. — Вайгахь цхьа башха хьаша ву, — кхидIа а къамел дора Кесирас, ша тидам баьккхина яьлча. — Кхуо паргIатйоккхур ю вайшиъ сов дIасакхерстарех. Ткъа суна-м, ма-дарра аьлча, кIорда а йинерий и
цIерпоштанаш, кеманаш, автобусаш... ЭхI, деллахьа, дIасауьду шераш дац сайнаш хIинца. Ткъа xIapa сан ша цхьаъ бен йоцу йоI ю. Стохка итт класс чекхъяьккхина. ХIан, хьо хьайна парггIата Iе, ткъа асий, Лолитас хьуна юучун гIaйгIa бийр бу.

Лолита ненал хьалха араиккхира. Корта хьаьвзинера цуьнан. Ша ХIун ала, хIун дан, муха лела еза, ца хууш йисинера иза. Шеггара хIумма а ца далуш, гIенаха санна лелара иза, юьззина ненан аьлларе а йирзина.
— Хаза хета суна шуьгахь. Воккхаверца лелар ву со щуьга, товараш дохьуш а, уьш доцуш а, — элира Акхболата, — амма. хIинца цкъа дIавахаза ца волу. Бехк ма билла.
Цунна тIаьхьайолуш, хIинций бен бIаьрг кхийтира Лолитин некъо голатуххучохь лаьттачу цIечу «Жигулих». Куьг а ластийна, сихха дIавахара хьаша.

— И ву хьуна къонах! — даккхий синош дохура Кесирас. — Амма, схьахетарехь, зуда ялийна волчух тера ду-кх.

— И хIунда веанера, мама? — хаьттира йоIа.
— Со йолчу веанера иза-м, шена со евзаш а, тешаме декъахо а йолу дела! — дозаллица жоп делира Кесирас. — Товараш латтор ду цо вайна, вай шега «тоийта» аллалц. Цкъа юьхьанца норканан куйнаш кхоьхьур ду. XIopa куйнах вайна дуьсур ду хьуна диъ-диъ туьма а, цул сов а. Кхетий хьо, сан жиманиг, и мел-хIун хуьлу?!

Лолитас белшаш саттийра, шена xIyн ду и, бохучух, ткъа ша тIеххьа йоьхна а, ирсе а яра.
— ЛадогIал цхьа, мелла а кIеда хила гIорталахь цуьнца! Елалой-екхалой!
— ЧIогIа оьшуш ву хьуна и суна, — лахара балда совсийра Лолитас, шен дагара лачкъош.

* * *

ЦIен «Жигули» йолу жима стаг гIараяьллачу йохкаэцархочун керта тIеттIа алсам леста валаро лулахой шекбехира. Шабарш дан буьйлабелира зударий вовшашца: санехь нуц-м ца карийна-те xIoкху Кесира бохучу жоьра-бабина?

Вайнахалахь магош дац ша йоI ялаяле цуьнан цIентIе вахар, амма масане хийцамаш хуьлу муьлххачу ламаеташна а, хьал-бахамах дела вина лелачун тхов кIел кхаьчча!
Шен керлачу хьешашкахь цкъа ура-атталла буьйса йоккхуш а сецира Акхболат, Кесирас шега: «Арахь буьйса а ю, ткъа тхан кхузара некъаш гIалин йистошкарачех тера а дац... Тховса дIа ма гIохьа», — баьхча, цуьнга ла а доьгIна.

Тахана Акхболат нанний, йоIаний деза совгIаташ дохьуш веанера. Маларо дикка самукъадаьккхина а вара, хетарехь, дIаваха башха сиха а воцуш.
Бартахочун ийзацавалар, хецнна хилар чIогIа товра нанний, йоIаний. Амма, цо ша бахарехь, иза зуда йоцуш хиларо ший а шек а йохура. ХIунда аьлча, ша Лолита яло дагахь хилча, жимма мукъана а эхь-бехке хила ма везара и...

Мерза а, шортта а долу пхьор диъна ваьлча, шена бешахь, цIеначу хIонехь мотт биллийта лиира хьешана. И дар нанас Лолитина тIе а диллира.
Буьйса мелий, беттаса кхетазий яра. Къайленех яьккхина яра седарчех сега стигал.
Куьг а лаьцна, сацийра Акхболата Лолита:

— Со хьеравоккхуш лаьтта-кх ахь, Лолита!
— ДIахеца, нанна гахь, хIун дан воллу хьо!
— Нанна лаа ма лаьа вайшиъ вовшийн боккъалла а деза а ма деза...
— ДIахеца, хIун ду ахь дийриг?! Ас мохь хьокху хьуна!
— Ма хьакхахьа. Ас доьху хьоьга.    Схьайолахьа.    Кхера ма кхера!..
ЦIеххьана цо баьккхинчу барто йохийна дIаяьккхира Лолита. Ненан бIаьра ца хьажалора иза. Буьйсанан йохалла дIасакерчаш Iиллира, сахиллалц наб ца кхеташ. «ХIун оьшу-те, цунна соьгара? Шена оццул езаш хилча, шега йола, хIунда ца олу? Цхьана xIyмано новкъарло-м ца йо-те? Йой-те?» — юха а, юха а ойлалаш уьдура хазачу йоьIан коьрте.


* * *

Бартахойн гIуллакхаш хIумма а вон дIа ца доълхура. Харц ца хилира, куйнаш аьхка а Iайчул ледара гIyp дац дIа, баьхна Акхболт. «Адамийн синкхетам муха буй? — кхетайора цо Кесира. — Аьхка куйнаш Iайчул дораха ду, ма моьтту царна! Оцу тIехь Iеха а ло. Сан хийла нисъелла Iайчул аьхка уьш дезах духкуш меттигаш».

Кхузза базара яхана, ах гали куйнаш дIадоьхкира Кесирас. Йоккхайийна а ца йолура иза, дала ваийтича санна, шена нисвеллачу декъахочух. Ткъа Лолитина дицдала ца туьгура шен дахарехь дуьххьара цо ша мара къовлар, дуьххьара цо шена оба алар...
Цхьана довхачу кIирандийнахь Iуьйранна Акхболата ши йохка-эцархо базара дIа а кхетийра шен машенахь, юха цIа а ялийра Хухурта.

— КIад ма велла хьо. Буьйса йоккхуш, сацахьа. Кхана Iуьйранна гIop хьо дIа, — дийхира Кесирас. Акхболат сецира. РогIехь карадеанчо коьрте воккхаверан ойланаш хьийзайора.

Акхболат хьенан-мила ву, хаа тIаьхьаяьллачу Кесирина, ша а цец а йолуш, хиира иза шен хьалха хиллачу майрачун геннара гергарло долчу нехан хилар. Оцу хьоло жерочунна бакъо елира нахалахь Акхболат шен гергара стаг кхайкхо а, маьршша, цхьаннах а лечкъор доцуш шен цIийнехь иза мичча хенахь а тIеэца а. Ткъа шаьшшинна Кесирассий, Лолитассий бакъо елира и хIоразза везаш тIеэций, доггах цунна хьошалла дай.

Кесирина хиинчо кIезиг хаза ца хетийтира Акхболатна шена а, хIунда аьлча, оцо цунна тIехь Лолитин вешин «статус» а чIагIйора, олуш ма-хиллара, цунна тIаьхьа догIурш буйна а лора. Билгалдаккха деза цу «статусан» мехалла, хухуртахойн шуьйрачу халкъалахь моттаргIа кхолларций бен, кхечу цхьана а хIуманца яьзна яцар.

Лолита а елира шен «гергарчуьнца» гIеххьа майра. Кхин жимма хан яьлча, Акхболат шен захало хьахоза Iийр вац, аьлла хетара цунна.
Юха а шен Iедал дIахIоттийнера Хухуртахь беттаса доцчу, Iаьржачу буьйсано.
— Машенна чуьрачу цу кассете ладогIа лаьий хьуна? — хаьттира Акхболата цхьана хIумано-м синтем байинчу йоIе.

— Лаьа! — реза хилира важа.
— Яло хIета. Нене, хьуо леха ца оьшу, ала.
— Машенахь кхузара цхьаннахьа а дер даций вайшиъ?!
— Дер дац дера-кх. Iовдал ма вац со.

«Жигулин» салонна чохь французийн одеколонан (цуьнан шишанаш Лолитас деа туьманех духкуш дара), цигаьркийн яйн хьожа лаьттара. Дозанал арахьарчу ансамблийн эшарш яра лоькхурш. ЙоьIан исбаьхьачу настаршний, дуьзначу балдашний тIехь соьцура Акхболатан сутара бIаьрг.
Эххар а Iа ца велла, яьIни тIе экама куьг дуьллуш, меллаша шена тIеозийра Акхболата йоI. Юха а йовха аьллачу обано ком¬мерцин дуьненара марзонийн дуьнена дIадаьхьира и шиъ.

Оцу куйнийн-безаман историн чаккхе а хилира, йолаялар санна, цIарал йовхий, дагахь доццург дохьушший. Iаббалц мукъамашка ла а дегIна, жимачу Лолитин дог «Жигулино» шен чуьрачу хьелашца таро луччу барамехь йийсаре а лаьцна, «керлачу верасна» юха а бешахь цIеначу хIонехь буьйса яккха лиира. Хьалха а санна, Лолитас цунна баржочу маьнги тIехь мотт биллира, амма хьешана хIинца ца лиира, хьалха санна, барт яларал тIех ца волуш хаза йоI дIаяхийта.

Ян дуьхьало йоцуш, дикка садиттира Лолитас, хьешан хьацар тоьхна, дегон куьйгаш шен дегIан горгаллашна тIepa импортан бедарш охьаяха доллалц.
— А-а-а!!! — цIеххьана мохь хьаькхира йоIа гIори-гIоддах. Лаьмнийн таьрхаша кар-кара луш, тIеттIа баьржаш, райтIанан мохь хилла кхерстира и шийла мохь набарна кечлучу Хухуртана тIехула.

— ХIун хилла?! — когашъIуьйра араиккхина, беша схьахьаьдира нана. Лолита, маьнги тIера охьа а иккхина, цIийнехьа дIахьада кхиаелира.
— ХIун ду хилларг? — юха а хаьттира кхераеллачу нанас.

— ЖIаьла... жIаьла дара бешахула хьаьдда догIуш, — дала жоп карийра йоIана. Амма Кесира сихха дагца кхиира бешахула жIаьла дедда цахиларх, жIаьла бешан кIоргехь маьнги тIехь Iуьллуш хиларх...
Iуьйранна Кесирас хьешана догIург дуьззина дIа а делира, важа дегабааме, реза воцуш дIа а вахара. Амма шен дагахь цо кхачо йоллуш чIагIо йира, дуьне тIекIелдалахь а, Лолита шен-м хир ю, аьлла.

IV-гIа КОРТА

«Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделенерчу туьканара эцна чIерийн консерваш кхачош лаьттара. Дог мустдаларо хьийзош ва¬ра Куршаббий, Iеласолтий. Ткъа болх, хIуьттаренна санна, уггаре халаниг, боьханиг бара: пхеа шарахь цIанъязчу ферми чуьра хьашаелла, гIий хилла кхелли дIайоккхуш.

Кхо кIира хьалха аьллера бригадан декъахошка, уьстагI лур бу. Амма и схьакхаьчна болуш бацара.
— Вайна хIун оьшу и шовзткъе итт туьманаш, кхузара дIа хьераш а талхийна долхахь? — хаьттира, шаьш пхьуьйре еш, Куршаба.

— Боккъалла а евзаш яц-те хьуна кхузара цхьа заббари? — вистхилира Iеласолта. — Цхьацца дIасайолуш ма хаало кхузахула, вай тергал а деш.

— Сан хIун ду цунна дан? — хьалаиккхира Куршаб. — Томатаца xIapa кильканаш бен, кхин даа хIума доцуш, суо цхьана хенахь боьрша стаг хилар а дицделла суна-м!
— Э-э, ма алалахь, сан доттагI. Хуур дара-кх, кху юьрта юккъехула вайн Лолитех тера цхьаъ йолаелча.   ТIаккха дагадогIур дара дерриге а.
Нийсса Iалашоне кхийтира и дешнаш. Куршабана кхетта ца Iаш, вайна ма-хаъара, Мутушана а кхеташ. «Лолита» — и суьпа дош хезча, ша волччохь тохавелира бригадир.

— ХIан, дитал! Тоьур ду! — стоьла тIе буй балийтира бригадиро. — Суна хетарехь, совхозан куьйгалла вай зен гIерта: мегар ду-те вайх ремонташ тешо я дац, довда сихлур-те я ца сихлур? Вайх теранаш дукха ма бу кху аренашкахула кхерсташ, муьлхха а болх кароре сатуьйсуш. МукIарло до ас шуна, цкъа, бархI-исс шо хьалха, сайн бригадаца со а ма ведира кхузара. Суна хетарехь, иза а ду кхарна дицдалаза. Кхана Iуьйрре, ваха а вахана, дирек¬торе дIахьедийр ду ас: я тхуна юучуьнца кхачо е, я оха тхаьш араяьккхина кхелли юханехьа чухьур ю хьуна. Цу тIехула тIе кхера а вийр ву, экспертизе хIумма а гучу а даккхалур доцуш, оха, цIе тесна, божал дагор ду, аьлла.

— ЦIе таса ца оьшу! ХIунда тосуш ю и? — кхеравелира Iалавди. — Даьхний тIехула тхов боцуш дуьсур ма ду. Ткъа иза доккха къа ду, адамаш хIусам йоцуш дитарал а доккха!
— ХIан, дика ду, вохий ма хьовза, — тевира и Мутуша. Ткъа ша ойлане велира, хIун хIилла хьовзийча бакъахьа дара-те керлачу директорна, иза, хьалхалераниг санна, кIадван, цуьнга шайна юьххьехь дуьйна аьттонаш цIинбаран хьал кхоллийта, бохуш.

ХIинца куьйгаллица цуьнан хилла «аудиенци» дикачу жамIашца йирзира.
— Муха? Кхелли араяьккхина девлла шу? Ишта сихий? — цецвелира директор.
— Хьайна ма хаьий хьуна, Кхаймаспур... пур... пурович, тхо болх бан даьхкинийла. Дийнахь-бусий бер-берхIитта сохьтехь къахьоьгу оха.
— Маса стаг ву, бохура ахь, шаьш?

— Вейтта... дейтта паспорт ду-кх ас хьуна деанарг...
— Кхарашо. Цхьаьнгге а «балтай» ма делахь! Хьуний, суний, коьртачу бухгалтерний, паррабаний, кассираний бен хууш дац хьу¬на иза.
— Кхеташ ду. Барт ма-барра.

— Ас шуна xIopa баттахь цхьацца уьстагI язбийр бу. Тоьур буй?
— Дера бу, Кхайпур... маспуш... пурпурович!
— Дика ду. ДIавало. Ас паррабе аьлла, сихха шуна ремонт луо.
— Баркалла, рахмат . Доккха рахмат ду хьуна, Кхай... пуро¬вич!

Боккъалла а, цу дийнахь дуьйна хаддаза керла уьстагIан жижиг лаьттира гIишлошъярхошна. Тоьллачу деман ши гали а деара, Шен-шен рогIехь хIораммо а дора цара жижиг-галнаш. КхоалгIа-чу отделенехь церан дахар а, болх а самукънечу муьре белира.
ШолгIа кIира чекхдолуш, буьзна, догIмаш меттадаьхкина, къонахий гондхьа дIасахьийса бевлира. Лолитех тераниг хьехайойла-м дацара, амма, лаахь, цхьацца мега ерг карайойла-м дара!

Куршабан, Мутушан синхIоттамаш Лолитас ваьштабалийнера я и шиъ вешшехь цхьатерачу синкхетамехь хиллера, — и хаац, мухха делахь а, гIуллакх цу шинненна а цхьана дийнахь цхьа зуда — сирла месаш йолу къона библиотекарь езаяларе делира. Бакъду, ган цу шинна и библиотекехь ца гира дуьххьара, хIунда аьлча, библиотека кхузахь хилар шинне а хууш а дацара. И нисделира кхечарал цхьана а кепара билгалдаьлла доцчу цхьанадийнахь.
Цкъа прораба элира:

— Трактористан Семенан божала хаьрцаш лаьтта. И ца хаьрца
хIума дан деза аш.
— Наряд хир юй? — хаьттира Мутуша.
— Хир ю дера-кх, — жоп делира прораба. — Меланна?
— Пхеа-ялх бIе соьмана.
— КIезиг ду.
— БархI  бIенна.
— «Кусокана».
— Меги.

Кхехка белира болх. Эха дийнахь чекхбаккхал бен бацара иза.
БIогIий, толь охьа а дассийна, дагарш караийцира гIишлошъярхоша. Оццу минотехь...
Сов исбаьхьа яра иза. Малхехь лепа сирла месаш, бIаьрса дIаэццал кIайн фартук. Къинхетаман йишех тера хетара иза. Цу шина дешан массо а маьIнашкахь — къинхетаман йишех тера, «Марша догIийла шу. Котлеташца цхьаьна украинцийн борц йо шуна делкъенна я кавказхойн шашлыкаца суп-харчо йо?» — аьлла, и схьахIоьттича, вайн Даймехкан географин карти тIехь къаьсттина меттиг дIалецира Мутушан, Куршабан дог-ойланехь «Басбулакх» совхозан кхоалагIачу отделенино.

Ехха, синхааме тийналла хIоьттира охьакхета доллучу божална уллоххьий, цунна генна гонахий. И тийналла мел яхлур ю, хууш дацара, нагахь санна молла ларалуш волчу Iалавдис луьра-текхачу озаца:
— Хьакхин жижигца хир ю хьан борщ! — ца аьллехьара.
— Муха мегар ду! — эхь-бехке хьаьвзира къона хIусамнана, — Бежанан жижиг бен дац тхоьгахь. Хьовса а мегар ду шуна. Холодильника чохь Iуьллу...
— Испасиба. Тхо тхешан жижиг-галнаш даа доьлху! — курра дIахьедира Кавказан воIа, paгIy кIелхьа дIа а волалуш.

— Бехк ма билла, — дуьххьара велакъежира хIусамнанна Куршаб. — Иза жимма ишта ву тхан... аьлча а, стохка коьрта тIе сторпал йоьжна цунна, хIетахь дуьйна цуьнца хуьлуш ду и...
— Ткъа тхо даккхийдерца хьовсур ду хьан борщан чоме, — велакъажаро дIасадовдийра Мутушан мекхаш. — Со чIогIа езаш ву украинцийн кухня.
— Дика ду. Ас кечйийр ю шуна, — эсала олуш, чуяхара зуда.
Хьалхашхулачул хIумма а ирча ца хийтира иза синош дохучу
шинна тIаьхьашхула а.

— Цхьана дийнахь ларалур дац вай кхузахь!—йовхарш тухуш,
билгалдаьккхира бригадиро. — Пенаш духа дотта а, бух чIагIбан
а, керла кор-неI догIа а дезар ду. Тхов, цхьа охье йолуш ца беш, четаран кепехь берг туьллур бу. ТIаккха толь мегар дац. Шифер яккха еза. Йистош чIорашца къовла а еза. Тхов чухулара бахка ца лун хIума а дийр ду.
— Аьнгалин уче а, лекха лами а, балкон а еш, гонаха ал басахь мрамор лаций вай? — Iиттаршка велира Iеласолта.

— Боккъалла а, дийриг лортIехь дан деза, — Мутушана тIе-тайра Куршаб. —Цхьа хьан-хьанна а доцуш, билггал долчу адамашна, дикачу къинхьегамхошна деш ма ду вай xIapa. Ткъа коьртаниг — дийраш муьлаш бу? Нохчий бу. Хьанна деш? Оьрсашна, украинцашна, казахашна. Ма-дарра ала шуна лаахь, xIapa гIуллакх-м, хьаханор, ду къеггина интернациональни аспектаца дозуш!

— Ду дера-кх, — тIетадира бригадиро. — Олучара эр ма дан, xIapa божал Iалавдис диний, я Iеласолтас, Куршаба, Мутуша ли¬ний. Кавказхоша, нохчаша дина, эр ду.
— Вай вон дахь, вай цIахь а иштта вон до, вайна хIумма а ца хаьа, моьттур ду, — тIетуьйхира Куршаба.

Мутуш фантазино кхин а гений, кIоргей ваьккхира:
— Таьрхийн ирачу баххьашкахь бIаьвнаш, дийнна гIаланаш
йийгIинчу, сийлахь пхьераш хиллачу вешан дайшна тIе эхь даийта йиш яц вайн! Даийтахь, тешар а бац и дерриге цара дина хиларх, вай церан тIаьхье хиларх!
PaгIy кIелара схьавеанчу Iалавдин оцу довхачу къамелаша бIаьргех хи даккхаза дитира. Цу къамелийн бахьана стенца (аьлча а, хьаьнца) дозу, ца хууш, суьпа хила гIерташ схьавогIучу стага, доIа деш санна, xIopa дош даздеш, элира:

— Юха йолор ю вай цу совхозан божалан ремонт а! Дахкаделла дукъош дерриге а хуьйцур ду! Вай хуьйцур бу агIорхьа таьIна тхов берриг а! Дуккха а хан яра со шуьга и ала гIерта, амма цу везачу АллахIа ша гIо дин шуна меттадахка! Къамел дан а дац кхузахь, доттагIий, мегар дац вай и дечу кепара гIишлош йотта а, ремонт ян а!
Мутуш, Куршаббий вовшашка хьаьжира. Ший а кхийтира шаьш цу къамелашкахь оьшучул гена девлла хиларх.

— Ахь хIун боху! — ша меттаварал совнаха, Iалавди а меттавалош, ира хьаьжира цуьнга Мутуш. — Хьера-м ца ваьлла хьо? Кхечара хIун ала деза вайн балхах лаьцна, вай ваьш а и сел емал-беш хилча?! ЛадогIал массара а! Бечу белхийн дикалла а, уьш чекхболу хенаш а ас айса къестор ю. Айсса. Бригадир хиларе терра. Кхийтин шу?
— Кхийти, — кортош таIийра массара а. Амма Куршаба шегара тIетуьйхира:
— Кху Степанан божалан ремонт-м, суна хетарехь, лаххара а шина кIиране дIагIуртур йолуш ма ю шуна.

* * *

Раиса йолчу борщ яа шиъ вахара. Шу кхетта хир ду, мила шиъ. ХIаъ, Мутуш, Куршаб. Кавказерчу шина хьешо цу чохь гайтинчу гIиллакхалле, оьздангалле, культуре кхочуш хIума, «Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделенеххьий, я ламанан Хухуртаххьий-м хьовха, силачу маьлхан дуьненахь а гина хир дацара. Раиса гIexхьа синтем байна а, эхьхетта а яра. Цкъа а моьттина яцара иза, шайн охьакхетта доллу, кхаа шарахь деса лаьтта божал бахьанехь шена ишта тамашийна нах бевзар бу.

— Дукха хан юй аш гIишлош ютту? — гIиллакхе хаьттира цо.
— Ю, дуккха а хан ю, жоп делира Куршаба.
— ХIун юттура аш, дуккха а гIишлош хIиттийна хир ю аш-м?— хеттарш дора хIусамнанас.
— ХIаъ. Дукха хIиттийна. Грознехь Спортан дворец а, аьчганекъан вокзал а, ДегIастанахь Чиркайски ГЭС а, — волавелира Мутуш.
— Черкейски, — нисвира и Куршаба:

— Хаьара суна иза-м! — човхийра и бригадире
— Хала хуьлу хир ду шуна? — тIекараюьйлура зуда.
— ХIаъ, дера хуьлу, — доккха садаьккхира Мутуша.
— Цуьрриг а хала хилац, — юха а шен накъостан дош цестира Куршаба.
— Белхалой ца тоьу, — и тергал ца ван гIоьртира Мутуш.
— Инженерно-технически кадраш ца тоьу, — тIетуьйхира Кур¬шаба.
— Тхан мехкадаьттанан институтан гIишлошъяран факульте¬те говзанчаш ара-м хоьцу, амма кIезиг хоьцу-кх, — дегазо элира Мутуша.
— Керланиг хIунда ца йоьллу аш? — хаьттира Раисас.
— ХIун? — ца кхийтира Мутушший, Куршаббий.
— Институт.

— И йоттийта кечйина документаци йолуш ю, — олуш, мIара юьстах биллира Мутуша.
— Ю. Ас хиттира цу хьокъехь.   Проектан-сметин документации кийча ю, Москва ю-кх и чIагIйина ца йолуш, — элира Куршаба.
— ХIундий? — цхьабосса хаьттира Раисассий, Мутуший.
— Республикехь гIишлошъярхой ца тову дела. Берриге а Со¬ветски Союзан массо меттигашкахула дIасауьду «шабашке». Ткъа республикан коьртачу гIишлошъяршкахь совца нах ца буьсу.

Мутуш кхийтира шен накъост цаоьшучу кхийдаш хиларх. Стоьла кIелхула ког дIа а бахийтина, лулахочун кIажа а лазош, муьшка йира цо. Кху къийсамехь вуха ца вала Iуьйранна дуьйна дагахь чIагIо йина волчу Куршаба иштта стоьла кIелдIахула дуьхьала муьшка йира бригадирана, шена йиначул хIумма а ледара а йоцуш.
Мелла а гIиллакхе хила гIерташ, чай мала а ца молуш, къаьстира ши накъост къоначу хIусамненаца.


* * *

Хийла шерашкахь ша яьккхинчу «шабашникан» стажан йохаллехь хIинца дуьххьара догъэтIара Мутушан шен куьйгалли кIел болчара сел тIетаьIIина къахьегарна. Бригадирой, Куршабий шайн ма-хуьллу новкъарло ешшехь, Iеласолтий, Iалавдий шолгIа де чекхдолуш, бух хьовха, пенаш а доьттина, «четаран» тхов чекхбаккха герга вахара.

Шиферх доьзна сецира гIуллакх.
Мутуш кхийтира хьомечу хIусамненан кертара шайн таханакхана дIадаха дезарг хиларх. Куршабан бIаьрса мелла а цунначул генара гуш хилира. Иза, ша «цигаьркаш эца» вахча, библиоте¬ке дIаязвеллера. Цуьнан цигахь хIинца шен карточка а дара. Дийнахь сарралц четахь латтийра цо ша цигара еана книжка.

Степана, ша эскарера цIа вогIуш, Ставрополера ялийна яра Раиса. Салтичун, йоьIан вовшашка безам цигахь боккха бара. Амма цигарчу аренашкахь цхьаьна даьккхинчу кхаа шарахь вовшийн кIордо кхиинера къона мар, зудий. И кIордор долчунна тIе а очдаьккхинера Раисина шайн бер хила цалааро.

Дог-ойланца бакъ романтик йолчу цо, гарехь, цхьана «кхечу хIумане» сатуьйсура. И шен «кхин хIума» хIокху кхечарах тера боцчу кавказхошца догIуш хийтира цунна хIинца. Уьш шен дог-ойланна гергара а тарбелира.
Царах шинна хьала а, охьа а ша езаеллийла хаьара Раисина. Хаа а хууш, кхидIа хиндолчуьнга хьоьжуш Iapa.

Ткъа кхидIа хилларг xIapa дара...
Мутуш шеко йолуш вацара шиферца дерг сихха къаьстарг хи¬ларх а, кханачул тIаьхьа шайн цу керта хьийзийла дацарх а. Иштта хаьара цунна Степан тховса, цIа ван хьелур вуйла а.
Масех де хьалха эвлаюккъехула вогIуш, цхьана ринжина хьалхахь зезагаш гинера Мутушана, кху меттигашкахь уьш хиларо хIетахь гIеххьа цец а ваьккхира иза. ХIинца, бода къовлабелча, безамо синтем байинчу бригадиро сацам бира, и ринжа схьакарийна, цигара даьхна, шена хетарехь, кху дуьненахь уггаре хьакъ долчунна зезагаш дахьа.
ЦIеххьана шен даг чохь гIаьгтина синхаам ша дечуьнца а бустуш, ка хьаькхна и роза зезагаш схьадехира Мутуша, цара шен эндажечу куьйгашна ен чевнаш тергал а ца еш.

Раиса цхьа юйла хууш, майрра, амма нехан бIаьргах ларлуш, тIевахана, неI туьйхира цо.
— Чувола, — элира къоначу хIусамнанас, цхьа тамашийна зезагашка а хьожуш.
— Кхана болх чекхбоккху оха. Лаам боцуш а воьду со шун кертара дIа. ЧIогIа хаза ю хьо, Раиса. — Безам бевзина а воцчу кхиазхочунна санна, — олуш, цуьнан дашочу месех куьг хьаькхира.

 хьаьвзира. Цунна ца хаьара, ша хIун ала деза. Ткъе пхийтта шара чу ваьлла а, кху тайпачу гIуллакхашкахь шортта зеделларг IаьIна а волчу бригадиро, ойла ян ца кхиайолуьйтуш, гIодаюкъ а лаьцна, шена тIеозийра иза.
— ХIинцца цIа кхача везаш ву сан майра. IадъIехьа. ДIагIохьа, — дийхира зудчо башха луьра ца хеталучу озаца, Мутуш кхийтира ша тIехвийла цавезарх. «ХIета мар цIахь воцчу хенахь реза хир ю xIapa-м», — сихха жамI дира къоначу стага, и дIа а
хоьцуш. Амма ша дIавахале шен хилла кхиам чIагIбан лиира цун¬на. Йоьхна лаьттачу Раисин корта шина а куьйга схьа а лаьцна, чIоггIа оба элира цо цунна балдаш тIе.

* * *

Денна санна, цигаьркаш ян ваханчуьра вухавогIуш, Куршаба цхьа тамашийна хаам беара:
— Ерриг юьртан а бIаьрг хьоьстуш дара Раисас библиотекана хьалхахь кхиийна зезагаш. Хьовсийша, сийсара цхьана м...ко, схьа а даьхна, дIадаьхьна хилла-кх уьш. Милице телефон а тоьхна наха...
Накъосташна дагадогIийла а яцара и м...к шайн хьаькам хилар. Хиинехь, цо сел сонта шегара ялийтинчу ледарлонна цуьнга «кадам» бийриг хир бара цара. Цундела и диначунна дена хьежо бевлира берриге а.
Ша дуьненахь йоккхучу хенахь цкъа а хетта хир вацара Мутушана ша оццул сийсаза. Ша кхо шо хьалха волуьйтур вара цо, Юккъерчу Азии цу йист-доза доцчу аренашкахь и эхь шена тIе догIyp дуйла хиънехь.

— Оцу роза зезагийн кондарш мичахь эцалур яра хьовха, орамашца цхьаьна? — ша-шега санна, хаьттира бригадиро.
— ХIун дан воллура хьо? — сакхвелира Куршаб.
   — ХIумма а. Айса дIа бохура ас-м, — куьг ластийра Мутуша.
Делкъал тIаьхьа бригадир цхьанахьа-м вахара. Жимма Iийна хезира, иза бензин кхоьхьучу машенан шоферца цхьаъ дуьйцуш воллура, бохуш.
Вукху Iуьйранна кхоалгIачу отделенин бахархойн цецбовлар хьалхачул хIумма а кIезиг дацара.

 Хьалха зезагаш хилла хас къарздинера яккхийчу розанийн кондарша. Шина aгIopa лаьттара атта карочех доцу даточу басахь ши зез. Кондарш а, зезнаш а боккхачу тIаламца дIадийгIина а, комаьршша хи тоьхна а дара.
Куршаб кхийтира шен дуьхьалончин таронаш дикка лакхаевлла а, шенаш, мел лакхара а, селхана хиллачохь йисина а хиларх. Ткъа селхана цуьнан хилла аьтто — библиотекаршин сатедеш, цо цуьнан белшах кIеда куьг хьакхар дара.

Къаьсттина воьхна хьаьвзира Куршаб, библиотекехь Раисас шега:
— Ткъа Мишас книгаш еша а ца йоьшу? И хIунда ца вогIу библиотеке? — аьлла хаьттича.
Куршаба жоп делира:

— Цуьнан юьззина йоцу юьхьанцара образовани бен ма яц (шен бригадиро Хухуртара юккъера школа юьззина чекхъяьккхинийла а, цигахь цо производствен баххаш Iаминийла а шена хуъушехь).

— Муха? цецъелира библиотекарша. — Ткъа хьан хIун обра¬зовани ю?
— Ас кооперативни институт яьккхина... гIишлошъяран декъехула... — аьшпаш боьттира Куршаба, ша заочно яькхинчу кооперативни техникумо ишта ала шена бакъо луш хиларх догах теша а тешаш.

— Раиса, бовхачу, цIеххьана баханчу безамах лаьцна йолу цхьа книга караехьа суна — дийхира Куршаба, библиотекарша книгийн гIопастанийн гаттоне яккхархьама.
— ХIун харжа ас? Бальзак, Мопассан, Тургенев вешний ахь? — елакъежира и, боккъалла а цунна лиинчу а йолуш.
— Цхьаерш ешна, цхьаерш юхаеша а мегар ду, — дог тохаделира цунна тIаьхьахIоьттинчу кавказхочун.
— Ахь хIун до? — цецъелира зуда, цхьа тIе чан йиллина том а карахь лаьттачу шена тIевогIу книгашъешархо гича.

— Суна чIогIа еза хьо, — даре дира Куршаба. Шина a aгIopa гIопасташкара схьахьуьйсу классикаш а хьаггал довхий, даггарий дара и даредар.
— Ва хьуна хIун хилла? — ша хьалха ала кеч ма-яллара цецъ¬елира Раиса.
— Зезагаш а доцуш веана со. Амма сан дог, сан дахар хьан карахь ду-кх, — даздеш элира Куршаба. Кхузахь классикаш кхин а юьхьIаьржахIиттина а хир бара.
— ДIадолу вайша кхузара. БегIийла дац.    Адамаш    чудахка тарло, — дийхира Раисас. Куршаба дагахь ша кхиамца декъалвора: «Делахь-хIета, бегIийла долчохь — реза хир ю!»
— Цхьа оба! — дехар дира цо. Къоначу зудчо шена башха дуьхьало ца йича санна а хийтира цунна.


V-гIa КОРТА


Хухуртан культуран-серлонан дахаре цхьа боккха хилам боьссира: цIа вирзира керла филолог, берашна нохчийн мотт а, нохчийн литература а, оьрсийн мотт, оьрсийн литература а Iамо а хууш. Дуккха а хан яра школа и тайпа говзанча варе хьоьжу а, ткъа говзанча ша—Лолита гape сатуьйсуш волу а. ХIаъ, иза Руслан вара. Дикка хьалха дуьйна латтош яра цуьнан йоIаца шен хин долчу цхьаьнакхетарна лерина базарахь бIе дезткъа «рэ» делла джинсашший, кхеташ доцчу йозанаша къарзйина майкий.

Пекъар, ца хаьара цунна, милла ваккхалахь а, оцу хIордел дехьара яьхкинчу хIуманашца Лолита цецъяккхалург цахилар! «Милтонс» а, «Луис» а, «Врангерн» а, «Адидас» а — хIун дисинера йоIана хьомечу нанас ша жигараллица коммерци лелочу хан-заманан йохалла янза!
Руслан сонта кIант вацара, цундела оцунах и кхета а кхетара. Амма и кхетам хиларо мелххо а ийзавалар, воьхна хьовзар совдохура цуьнан, хазачу йоIана дуьхьала ша мосазза хIутту.
Шаьшшиннан дуьххьарлера дуьхь-дуьхьалкхетар ларамазий, дуьххьалдIай нисдала лууш, Руслана иза шовданехь лар а ца йора, я цига кхайкха а ца кхойкхуьйтура.

ЙоI ларамаза дуьхьалкхетар базарахь хила тарлуш дара. Амма къона филолог кхоьрура, йоI шена йохкаэцарш лелочохь гахь, и юьхьIаьржахIоьттина хьовзарна. Цундела, ша Хухурта кхаьчна кIира хан йоллушехь, Русланна хIинца а ганза яра хазалла юьйцу Лолита.
Кхолламан лаамца, аьлча а, кхолламан беламца, Лолитина боданечу бешахь боьршачу стеган йовха оба евзачу минотехь Руслан, къайла а ваьлла, шен дахарехь уггаре жоьпалле кехат яздан гIepташ воллура.

Къоначу филолого шен дагахь вузан программера исбаьхьаллин литература юьххьера дуьйна схьалуьттура, произведенешкахь шен тем боцчу, сецо халачу синхаамца жимма а догIу хIума каро лууш.

Юьхьанца Руслана дуьненахь а гоьбевллачу поэтийн-классикийн дешнашца далхадора шен дог. Уьш а тоъал чIогIа аьлла ца хийтира. Хьалха ша яздинарг, кегийра кесгаш еш, этIа а дина, кхин йоза вовшахтесира цо — вайн заманахьлерчу хухуртахочун даха¬рехь безамо лелочу маьIнин хьокъехь прозин-философин трактат тайпа кехат. И «эпистолярни произведени» а ятIа а йина, кхоалгIа, кхин а доккха кехат яздира Руслана, Петраркин, Дабиндранат Тагоран а, Тургеневн, Шекспиран а халкъан фольклоран, меттигерчу поэтийн а произведенешкарчу дешнех шуьйрра пайда а оьцуш. И дерриге а кхин цкъа ша дешча, ша язйинарг муьлх-муьлха а болчу безаман хьокъехь йолу юккъерчу даржера рефе¬рат ю, аьлла хийтира Русланна. Цу сочинених а хьалхалерачех хилларг хилира.

      Кхин дара синна луург, оьшург. Цхьа кхечех тера доцург. Цундела доьазлагIа яздинарг ишта хилира:

«Хьоме Лолита, кхечи со, эххар а, цIа. СхьахIоьтти сайн дагахь кхехкарг ас хьуна дIадийца деза де. Дукха хенахь дуьйна бара сан хьоьга безам, хьо школе лелачу хенахь дуьйна. ХIинца кхидIа до¬лу сайн дахар хьо уллохь йоцуш лалур долуш вац. Со тешна ву ахь, сох кхета а кхетта, вайшинна цхьа меттиг юьллург хиларх а, вайшиннан дерриге а дийца йиш хирг хиларх а. И тайпа меттиг — вайн шовда хила мегар дара, аьлла а хета суна. Цу шовданехь ма дийцина шайн дагара вайн дай-нанойн дай-наноша, цигахь ма кхоьллина цара шайн кхолламаш. Суна луур дара вайна цу шовданехь заманийн зIенаш хааяла, дахаро ша вайга схьакхийдон дайнанойн оьзда ламасташ вайн синкхетамах дола!

Суна луур дара цу шовданехь вайшинна ваьшшиъ а хетийта адамаллин дIаяханчуй, тIейогIучуй заманашна юккъера уьш хутту зIе!

Хьоме Лолита! Со беламе хета тарлора хьуна, нагахь санна сан хьоьца цигахь цхьаьнакхета лаар дуьххьалдIа хьо сайга яран хьокъехьчу къамелан дуьхьа бен ца хилча. Сан дагахь дерг цул кIоргий, шуьйрий ду. Хьо а пединститутан я университетан заочни отделене дIанисъелча бакъахьа хета суна. Амма, и дархьама, хьан цхьанахьа балха дIанисъяла дезар ду. Уггаре гIоле хир дара, хьо вайн даьхнилелоран ферме балха яхча. Хьуна-м, деша йоьдуш, белхан стаж оьшур яй! Ткъа шоллагIчу я кхоалгIачу курсе яьлча, школехь болх бан а мегар дара. Кхин а луур дара суна ахь хьайн нанна а цхьа Iаткъам бойла.

Со тешна ву, хьайн карахь цхьа болх хилча, оцо мелла а хьой, хьан наний йогIучу некъах дIахерйийриг хиларх. Цунна а ма бацара фермехь я аренашкахь бен болх сов, кхин хIума ца хилча, тIаьхьа пенсе яха мукъана а.
ХIинца гой хьуна, Лолита, сан хьоьца къасто дезаш мел дукха гIуллакхаш ду а, хьо суна мел дукхаеза а.

Даггара хьо езаш волу Руслан».
Юх-юха доьшуш, масийттазза дийшира Лолитас кехат, тIаьхь-тIаьхьа и шена кхераме а хеташ. Ца кхетара иза, хIун ду Русланна кехатан хьалхарчу декъехь луург, хIун гIуллакх долуш гIерта и шолгIачу декъехь шен, шен ненан дахарна юкъа. Цундела, ненах къайладаьккхина шен хIумма а цахиларе терра (Акхболатца Iиттаелла меттигаш йоцург), и кехат нанна деша сацийра цо.

Хьалхара могIанаш нанас чаьмза елакъажарца ийцира тIе. Цул тIаьхьа чIогIа сакх хилира, дуьйцурш хIун «ламасташ» ду, хIун «хутту зIе» ю, ца кхеташ.
Пекъар, автор шен хинйолу стуннана, ма-аллара, нийсса «Чожа» юккъе кхета йолчу хIуманна кечъеш волчух тера дара.

Хьалхара буй: «...цхьанахьа балха дIанисъяла дезар ду. Уггаре гIоле хир дара, хьо вайн даьхнилелоран ферме балха яхча», — бохучу дешнаша туьйхира. Шен нуц хила гIертачунна ала дош кароле кхин цхьа «буй кхийтира» Кесирина, и «нокауте» а йоккхуш: «Цун-на а ма бацара фермехь я аренашкахкбен болх сов...»

—Хьий, гирзаш даьлла кIеза! Виран бекъа! Боьха хьакха! Хьан
ворхIе да валла хьакхийца! Хьажахьа, вайшиъ сийсазъян a гIepтийца! — чуьраяьлла хьаьвзира Кесира, шена хезарг, йоIе деана безаман кехат а доцуш, ша емалъеш прокуроре делла арз долуш санна.

Кесирин мерах хезачу шакаро кхетийра Лолита иза хIинцца шена халахетийтинарг лаха араериг хиларх. Кхетийра иза Русланан мискачу тайпа-тукхамна тIетаIарх юхаяккха кху дуьненахь цхьа а хIума, цхьа а са цахиларх.

— Хьажахьа цу мезаша юьзинчу, марш оьхучу хIумане! Кхуо Iexo дисинера хьуна вай! Ферме хьежайойца вайшиъ! Цул и шен, йиша аьлча а, цхьаммо а маре ца юьгуш Iен и биъ бIаьрг болу жоьра-баба яхийта цу ферме! — хезара хIинца арара чу. Лолитин
карара кехат схьа а даьккхина, хIинца невцалле сатуьйсийла а доцчу пекъаран Русланан цIийнехьа дIахьаьдда йоьдура иза.

Генна урамера схьахезара Кесирин шийла мохь: «Хьовсал цуьнга! Iовдалш карийнийца! Фермехула институте дIатосур ю ша, бохийца, суна сайна, xIapa мухий, мичахулий таса еза, ца хууш сан¬на! ХIай нах, хезний шуна, кхеллилахь ваьллинарг бен институте дIа ца оьцу, бохуш? Ца хезна-а? Суна а-м дера ца хезна хIинццалц схьа. Ас къастадойтур ду шуна иза-м кху вайн керлачу хьехархочуьнга! ХIай, АллахI! Муьлаш бу, тов, цу институташкахь кечбийраш? Стенна луш ду, тов, цигарчу нахана ахчанаш?..»

* * *

Ша лоруш, сий деш йолу Лолитин нана, шайн керта а иккхина, девне яларо къоначу филологан дагах, херхо санна, кегийра кесгаш йира. ХIинццалц сатийсинарг, ша деган къайленгахь лелийнарг цIеххьана, ткъес кхетча санна, кхин догдохийла йоцуш, дайна дIадаларо иштта ткъесе сацам кхоьллира кIентан дагахь: дита деза xIapa дуьне! Цу тIехь зеделларг доцуш вара Руслан, амма цунна дагабеара, юьртал ара ма-веллинехь, Оргумс хин Iинара нийсса ирх кхевдина лаьтта цхьа берд «Цу тIера чукхоссавелчахьана, дерриге а дIадолу!» — сихвелира жима стаг. Шена хетарехь, иза цигара вуха, бекъазчу безаман латоза дисина хаьштиг санна, айина ван везаш вара.

Цхьа а ца велира Руслан сацо, хьунда аьлча, кху тIаьхьарчу шина бIе шарахь оцу бердах цхьа а   иккхина   вацара.   Цундела цхьаммо а тергал ца вира чехкачу боларехь цхьана Iалашоне вогIавелла воьду къонах.

ХIан, xIapa ю бердан йист а. Новкъарло ян гонаха гуш ина-са а дац. ТIедачу муцIаршца бецаш лехьош лела кху Iай дина эсий доцург.
Сацам боллуш гIулч тесира Руслана, тIаккха кхин цхьаъ а... Йисинарг цхьа гIулч яра, дIо бухахь Iилла, амма цо иза ца йира. Iемина воцчу цунна и ян бегIийла ца хийтира.
Дикка вуха а ваьлла, бIаьргаш дIахьаббина, юха а хьалхахьа гIулч йира жимачу стага, тIаккха — шолгIаниг а, кхоалгIаниг а... ДIабиллира бIаьргаш: бердан йисте кхача йисинарг хIинца а пхи-ялх гIулч яра.

Ведда-ведда чутила сацийра Руслана. Амма когаша ла ца дугIypa…
Ша шийттазлагIа вадале леррина гонаха бIаьрг туьйхира Рус¬лана, цхьа а вуй-те ша тергалвеш, аьлла. ДIо лаха чохь хин йистаца а, тIехула тIерачу бердан йистаца а, боккъалла а, гучудовла а девлира адамаш: берашший, шиъ воккханиггий. «Нахана а гуш, бегIийла дац, — ойла йира Руслана, амма оццу минотехь кхин ойла еара цуьнан коьрте, тIех хьекъале ойла: — Цул а лахара хьала гIорта веза со цу берда тIе. ТIаккха, хьанна хаьа, хеца а велла, чувужий а!»

Шена дагадеанчух воккхавеш, хи долчу чунехьа дIахьаьдира иза.
Шен ледарлонна оьгIазъоьхуш, чунехьа ца хьожуш, телевизорехула шена хийлазза гиначу альпинистех тарлуш, хьалатасавелира Руслан бердах.
Лакха мел волу, бердан ирхе дуьхьала теIара цунна. Цу тIера зуьгалгаш оьшуш йогIура. Шен болу-боцу ницкъ гулбина, кхин цхьа метр ах метр хьала а ваьлла, Руслан кхийтира буьххье ша кхачалур вацарх.

ХIинций бен охьанехьа ца хьаьжира иза. Чухьожжушехь, дегI кегийра дего долийра. Шийлачу хьацаро яшийра цуьнан кIайн коч. Кхийтира Руслан буьххье кхачарал а охьавоссар хала хирг хиларх. ХIинца Iожалла гергга тIегIоьртинера цунна. Бакъду, ша хин йисте чувуссуш, и сел сиха схьахIуттур ю, бохург дага а ца деанера къонахчунна.

— ХIе-е-ей! — ахь узарца мохь хьаькхира Руслана, минотехь сецна а Iийна. Амма и мохь дуьхьаларчу шийлачу тIулгой, ламанан чехкачу хин гIаргIовгIаной къарбира. Хи чохь луьйчуш дохкучу берашна а, я меънийн боьлакахь Iачу воккхахчу шинна а ца хезира цуьнан аз.

Шен Дахаран тIаьххьара миноташ тIехIиттина хиларх тешна вара Руслан.
Меънийн IиндагIехь Iен шиъ, шаьшшиннан шиша дассийна а ваьлла, тIе наьрсан цастарш кхоьллуш воллура. Цу шинна дахар самукъане а, токхе а хетара. Жимах волчо, аьхкенан хазаллашкахула шен дахаран ницкъахбуьззина ши бIаьрг дIаса а кхарстийна, философан озаца элира:

— Деллахьа, хаза-м ду вайн кхузахь!
Шишанна тIе бIаьрг а боьгIна, чIогIа лерина цу чохь дисинарг толлуш воллу жимма воккхо хеталучу шоллагIчо, хьала а таьIна, тIетуьйхира:
— М-м, ду, хьаханор. Ах-х-ча делахь-м, муххале а!
— И дIо кхозург хIун ю, хьовха? — торхехьа корта тесира жимахчо.
— Мичхьа?

— ДIогахь. Лорре хьажал хьо.
— XIa-ан, иза д-дера хир ю къеначу Кужас дIакхоьссина цуьнан майрачун ш-ш-шарбал,
— Кужин майрачо галпеш йолу хечий бен ма ца лелайора, — тIе ца тайра жимах верг.
— Д-делахь ц-церан лулахочо Кебилас кхоьссина хир ю.
— ХIун?
— Хеча.
— Хьенан хеча!

— ХI-хIун де, б-боху-те ахь соьга? С-суна хIун хаьа и... Ваха а гIой, цуьнга шега хаттахьа и... иза, — элира толкхалелхачо, ба¬цала дIа а таьIаш.
— Айхьа бохург хIун ду, хьайна мукъана а хаьий хьуна? Кебила жоьра йисина ткъе пхиъ шо кхоччуш ма доллу! Цунна мичара ер ю божарийн хеча? — оьгIазло йоьссира жимахчуьнга.

— Ткъа хьо стенах кхеравелла, т-тов? Ахь хь-хьайниг-м ц-ца йитина-те ц-цигахь? Хьа-хьахь-хьа! — велар иккхира толкхачуьнга.
— ХIун бохура ахь? Вахьа а ваьхьи-кх хьо соьга иштаниг ала, вир, вон вир! Иза-х сан гергара стаг ю! — волчунна тIе а оьгIазвахара къона хухуртахо. Эвхьазваьллачу толкхачунна уллохь Iap жерга хетта, гIаьттина, юьстаха волавеллачу цуьнга цIеххьана: — Хьажахьа, цунна тIехь-м корта а ма бу! — иккхира.

— Мичхьа? — хьалаайвелира важа. — Дера бан а ма бу! К-корта а, к-куьйгаш а д-ду, х-хечи ч-чохь а йолчух тера д-ду цхьа хI-хIума. К-ког а хьайн меттах...
— Мила ву иза-а?
— Х-хаац дера-кх суна-м. Вало, тIегIой, х-хаттий вайш-ш-шимма?
— Вало. Цкъа хьалха дисинарг дIамер вайшимма...
— М-мегар ду.

Мелла а ваьлла, шаьшшиъ хил дехьа ваьлча, жимахчо мохь туьйхира:
— XIe-ей, накъост, хьо хIун деш ву цу тIехь? Накъосто жоп ца лора.
— И м-муха н-нисвелла-техьа цу тIехь? Л-лахара хь-хьалаваьлла-т-техьа, я лакхара ч-чувоьжна-техьа? — хаьттира толкхачо.

— Лахара хьалаваьллехь, ша чу а вуссур ву, шена цу тIехь Iан кIорда мадиннехь. Лакхара чувоьжнехь, юха хьалаваккха веза, хеца ца валийта, — дерзийра жимахчо.
— Н-нийса д-ду. Ц-цуьнга ш-шега хатта д-деза!
— ХIей, хьо муха нисвелла цу тIе — лахара хьала я лакхара охьа? — чIоггIа мохь туьйхира жимахчо. Важа юха а ца хилира вист.
— Вайшинца къамеле вала а ма ца лаьа кхунна-м, — и ша волччохь вита вуьйлира жимахниг, амма воккхахчо элира:

— Ц-цулла а, л-лакха хьала а в-валий, чу хаттий в-вайшимма ц-цуьнга?
—Дика ду. Хоттур ду вайша. Цкъа хьалха лийча а лийчина, — реза хилира цуьнан накъост. И шиъ бедарш дIаяха волавелира.


* * *

Русланан гIopa кхачош лаьттара. ДегI дерриг а кегийра дегадора. Лацаделла пхенаш ийзадора. Берда тIехула гучуваьлла ши стаг хеттарш дан велира, амма Руслане тIаккха а жоп ца даладелира. БIаьра хьалха бода бара гуллуш. Къинойх даьккхина долчу кху дуьненара вукху, абадечу дуьнена восса йисина секундаш охьаягарйора цуьнан кхагаречу хьено...
Торхах летта Iачо жоп даллане дала а ца делла, цунна дегабаам а бина, Хухуртах чувуьйлира тIевеана шиъ.

Юьртахь цара дийцира шайна гинарг. Нах ца тийшира. ТIаккха къаьркханан литрана къевсира. Хьовса бахча, дийцинарг бакъ а хилла, эшначарна халахеттий, тоьлларш, баккхийбеш, туькана хьаьлхиний, дIасабуьйхира нах, торхах кхозург виц а вина. Де суьйренгахьа лестин-чу хенахь и сурт гиначу дечиг лехьош лелачу цхьана йоккхачу стага орца а даьккхина, сила йолу юрт дIахьаьдира берд болчу.
Дийна ларарал велла лара хьакъ волу Руслан сихха больнице кхачийра. Дагар деанчу кIентан багах сих-сиха дийриг цхьа дош ду, бохура. ХIаъ, бакълуь шу. «Лолита, Лолита, Лолита...» — бохуш хиллера мискано.

VI- КОРТА

Ша хIун харжа-те, ца хууш йисинера Раиса: Колин (Куршабан) эхь-бехказалла я Мишин (Мутушан) ир-карло. Бригадан шовзткъе итт проценто дIакхоьхьучу безаман гIуллакхаша шайн Iаткъам ца беш ца дитира производствон гIуллакхаш а, коллективан синкхетаман хьелаш а. Оцо шена тIаьхьа кхин цхьа новкъарло а хIоттийра: тIетаьIIина дуучу тIера Iаь гIуьттучу жижигой, зударех херабевлла йоккху хан яхъяларой меттахйохура коллективан йисина шовзткъе итт процент а. ТIьттIа къегина гучубуьйлучу цу хиламо цхьана сарахь эххар а вистхилаза ца валийтира молла хуьлуш вогIу Iалавди шен накъосте Iеласолте:

— Зударий-м шортта бу кхузахь, — олуш.
— Шортта бу! — тIехтуьйхира цунна Iеласолтас. — ХIун до церан шортонах, вайн сане лелачу Кесирел башха хьо ахча схьахоьцур долуш ца хилча! Суна тоххарехь цхьаъ карийна хир яра, тIаьххьара итт туьма аш дIа ца даьккхинехьара. Ткъа зуда йолчу, нах санна, малар а эцна ваха ма веза!
— Ахча ас хьуна ма-оьшшу лур ду! — дехаре велира Iалавди. — Цхьа зуда ялаехьа суна. Ас гойтур ю хьуна.

— Мичахь гайта воллу хьо суна и?
— Юьртал арахьарчу декний боьлаке йогIу и денна лийча.
— XIa-ан, кху тIаьхьарчу хенахь хьо ван а вара хьуна хьайн лаамца делкъенийн дежурни а хилла лелаш! — кхийтира Iеласолта. Тхуна галнаш ян ца хаьа а бохуш!
— Тс-с-с, ма аьллахь, делан дуьхьа! Оцу шайтIано хьеравоккхуш лаьттий со-м! ТIевахана, цуьнга вистхила ваьхьаш ваций со- м! Яй а буьлуш, хьоьжу со цуьнга, хьоьжу... ХIай, АллахI, цо сох дийриг-м лан хала хIума дай!
— Ткъа цунна гой хьо, ахь яй буьлуш?

— Го дера-кх, дера го! Йоьлу-кх, шега билийта, бохуш.
— Ткъа ахь?
— Ткъа ас ца буьлуьйту. Со суо ма вара цуьнан яйш а, пхьегIаш а йила кийча, цунна хи кхехьа кийча...   
— Ткъа хIунда ца до ахь иза? Къамеле валий, дийнан делкъахь а ца йогIуш, сарахь йола, ала, лийча, арахь Iаржъелча.

— Вахьац со. Мотт ца керча!
— Делахь, ахь хIун дей, — хьийхира Iеласолтас, — кхана Iуьйрре, гIой, туьканара ши шиша коньяккий, жимма кемпеташший эца. Шоколадаш. Цхьа шиша сан гIайби кIел дуьллур ахь, ткъа важа, хьуо яй била воьдуш, хьайца дIахьор. Хин йисте кхаьчча, хьайна и ма-гиннехь, хьайна и йовза лаар дIахьеде. ТIаккха: «Цу тIера дIамалий вай?» — ала, иза хаза охьа а хааяй. Хьайца одеял яхьа а ма дицде.
— И стенна хьуш ю? — дог тохаделира Iалавдин.
— Ой, ирахь а лаьтташ-х мер даций аш и шиша дIа. Я голаш тIе лахделла а.
— ХIа-ан.
— ЛадогIа кхидIа. Цкъа юьхьанца тIе ма теIа, юха а йогIуш хилз, бохуш. И цуьнга шега алийта. Кхийтин хьо?
— Кхийти, — корта таIийра Iалавдис.


 * * *

Чуьра тIелхигаш дIаяьхна, тIоьрмиг бассийна, цу чу коньякан, къаьркъанан цхьацца шиша а, ши кийла шоколадам конфеташ а, ши кийла кхехкийна уьстагIан жижиг а, туьха а, цхьа булка бепиг а, хьашт хилахь а аьлла, шайн яаза йисина чIерийн консерваш а йоьхкина, оцу бахамца аравелира Iалавди, маж яьшна, юьхьах «Шипр» IатIар тоьхна, Iуьргаш долу майка юьйхина, чекх гуш маймалчух даьлла некхау а долуш. Ша балхара кхо сахьт хьалха цIа кхача кечбайта ваийтина хилар тоххарехь дицделлера цунна...

Евзаш йоцчу хазачу зудчун яккхийчу меженаша хьедеш дацара хIинца хин куьзга. Хи а, цунна тIе охкаделла диттийн генаш а дIатийнера, даьлла дегI долчу хьешан сихделла детталучу даге ладоьгIуш. Амма хина а, дитташна а масех минот яьлча хIинццалц схьа шайн бIешерийн исторехь гина доцу къемат ган доьгIна хиллера.

Чет даьстинчу кIайчу халатаххий, маликан санна, дайчу боларххий евзира иза Iалавдина геннара дуьйна. Ша и муха тIеэца, цахаьара цунна: ирахь лаьтташ, хиина Iаш я бацала дIатаьIна а Iаш... Спортсмен санна ша боьлакна гонаха уьдуш гайтар къастийра цо, иза гIоле хеташ.

— Хьо хIун деш ву? — цецъяларца хаьттира зудчо, цуьнан цIен лак хьаькхначу къегачу туфлешкий, ловзарга воьдуш юхучу кримпленан хечей хьаьжна. Кхин а цецъелира иза, яйн меттана, гIамарлахь Iуьллуш цуьнан тIе яздина «Динамо» долу спортан тIоьрмиг гича.
Атта йоцу тийналла кхоллаелира. Ша ала дезарг, эххар а, дагадеара Iалавдина:
— Давай познакамляться! Довзий вайша!

— Довза, — Iалавдин ирсана, йовха елакъежира зуда. — Сан цIе Шурпан ю.
— ХIета цу тIера мер вай! — сихвелира кавказхо тIоьрмиг дIабаста.
— Собар цкъа, ахь хьайн цIе ма ца йийцина суна... — йоьхна хилира Шурпан.
— Сан цIе Iалавди ю, — элира стага, амма куьг кховдо ца хIоьттира.
— Тахана хьан буьлур бу хьан яй? — хаьттира зудчо, экама ела а къежаш.
— Яй оьшуш бац, — жоп делира Iалавдис, сихвелла одеял дIаяржийна, цу тIе тIоьрмиг а бассош.
— Цхьа деза де хир ду хьан тахана? — цец хаьттира вукхо.
— ХIаъ, паразник ду сан! Сел хаза, сел дика йоI евзи суна тахана! — хастамаш бора хилаза висинчу моллас.

— О-о, тIаккха кхеташ ду, — олуш, одеяла тIе охьахиира Шур¬пан, шен севсина, кIайн настарш цхьана aгIopa дIа а йохуьйтуш.
— Халат дIаяккха хьайн, хьуо йохъеллехь, — гIайгIа бира
цуьнан Iалавдис.
— ХIан-хIа, иза тIаьхьа дер ас, — жоп делира вукхо. «ТIаьхьа» бохург хIун ду хьовха кхуьнан?» — кхин   а   сихах, тохаделира Iалавдин до

— Молий вайшимма? — элира цо, сенаш долу ши стака дуззуш коньяк а дуттуш.
— О-о, соьга оццул дукха малалур дац — дуьхьало йира зудчо..
— Малахьа, хьайн делан дуьхьа! — дийхира Iалавдис.
— Вайн дала къаьркъа малар дихкина ма ду, — билгало йира Шурпана.
— XIapa къаьркъа ма дац, коньяк ма ду! Къаьркъа мер дац, вайша! — бехказло карийра захалла лелочунна.

— Делахь-хIета, хьуна тIера, хьан кхиамна тIера, кIеда олуш, ах стака дIамелира зудчо.
Воккхавер тIехдаьллачу Iалавдис дийнна стака дассийра. ГIеххьа тIе хIума кхаьллира шиммо а. Дисина коньяк Шурпанан стаканна чу а доьттина, Iалавдис къаьркъанан шиша даьстира.
— Вай къаьркъа мер дац, ма бехира ахь, — йоьлура къона, зуда.
— А-а, генахь вара иза-м. Цунна гур дац, — майравелира Iалавди, сирлачу, бух боцчу стигала пIелг а хьажош.

Шурпан цхьа даггара йоьлура. Iалавди хIинцца кхетта вогIура, бакъ ирс хIун ю а, стеган дахарехь коьрта маьIна хIун ду а бохучух.
— Шурпан, ас ехха, ехха-ехха ойланаш йина хьуна, — элира Iалавдис.
— Стенан йора ахь уьш?
— Ас уьш дера йора дуккха
 а хIуманех... Суна хетарехь, адам кху дуьненахь шен даго ма-хьоьхху даха деза! ТIаьхьа хин дерг — иза цхьанна а хууш дац! — шена а цхьаьна керла къайле яьстира Iалавдис, и дарца шен кхидIа долчу дахарна мехала Iаткъам а беш.
— Ткъа сан-м ца нисделира иза дагна луучу кепара, — син-хаамашка елира Шурпан. — Цхьа стаг везавеллера суна, ткъа иза гIала дIавахара, шеца со а ца юьгуш. Дегабаамо кхечуьнга маре яхийтира, сайна везаш воцчуьнга, амма сихха кхийтира сайн гIа¬латах. ХIинца цхьана хIумане-м сатуьйсу ас, стенга туьйсу, сайна а ца хууш. Отделенехь цхьалха божарий боцчу новккъа бу, ткъа гена нанас а ца йолуьйту. Иштта Iаш ю-кх кхузахь сайн «буренкашца». Шуна башха гена йоцчу фермехь хьелиозархочун болх беш. Шу тергал а деш, цецдийлина ца довлу тхо аш сел тIетаьIIина бечу балхах!

— Болх тхоьга ба а ло чIогIа, — олуш, шена poгIepa кад ботта вуьйлира Iалавди, амма Шурпана, экама куьг лоцущ, сацийра:

— Кхин эша ма ца оьшу. Валохьа, лийча доьду вайша.
— Шурпан боьршачу стагах хьаьгна яра, адамаллин aгIopa иза кхето хала а дацара. Амма цунна ца хаьара, ша долийна и кхераме ловзар кавказхочуьнца, цу тIехула тIе хухуртахочуьнца до¬лийна дуйла! TIepa халат охьа а тесна, шен дегIан экама мохь мелачу хиэхьа дIаболабалийтира цо.

— Сихонца охьаевлира Iалавдин цIен мачаш а, кримпленан хеча а, Iуьргаш долу майка а. Пазаташ а когахь, хьаьсарта вахана, тIаьхьавелира иза цунна.
— Iаламна цкъа а гина хир дацара и тайпа хЛайтъаьлла лийчар. Ловзарх а, летарх а тера хIума дара хи чохь дIадоьдург. ДIасадетта хиш, маьхьарий, узарш — и дерриге а иэ а делла, цигахь хирг хIун ду, къасто хала дара. Берда тIера дIахьаьжча, моьттур дара, цигахь тийсалурш хIордан гIашлой бу, мостагIчуьнгара герзаш схьадаха Iемаш, я цигахь, марсаяьлларг Iилманна хIинццалц схьа хааелла йоцу цхьа хин вулкан ю.

— Шурпан дегIана тоьлла зуда а, жижиган-шурин сурсаташ арахецарал совнаха, уьш ша а жима боцчу барамехь дууш а яра. Оцо белира цунна дегIана зшна а, кIира хьалха килькин диетин Iазап лайна а волчу месалчу кавказхочунна тIехь толам.

— Амма даге хьаьддачу лаамо сабаха болош лаьттара Iалав-ин дегIан ницкъ, къийсам кхидIа хьебеллехь, зудчун хьал кхерамехь а долуш. Цундела, кхин хьем ца беш, теттина и дIа а кхоьссина, хи чуьра хьалаиккхина, шен тIеда, ах дерзина дегI хьулдан ца ларалуш, юьртехьа юм йира цо.

— Кадей, ша-шен кхоор доцушший цунна тIаьхьа шарвелира Iалавди а, лу лаца тIаьхьадаьлла цIокъберг санна.
— Когара можа пазаташ бен, кхин тIехь хIума доцу шен дегIан хатI а, ша юьрта кхочуш валлар а тергал ца далучу хьоле даьллера Iалавдин сихваларрий, ша-шен цакхооррий.
— Даллий бен ***йла дац, мича жамIаца бирзина хир бара и къовсам, нагахь санна делкъе ян цIа вогIу Мутушший, Куршаббий, Iеласолтий тIе ца нисвеллехь. Хала делан балица сацо аьтто хилира церан шайн хьераваьлла хьийза суьпа накъост.

* * *

Нехан бIаьргаш чохь дикка лахвелла Iалавди цхьана ханна тийна-таьIна висира. Къийлалуш, вистхилар доцуш. Ала дашна, къамеле цавийлар цуьнгахьа а дара. Жимма а бахьана доллушехь, накъостий цунна дуьхьала ца тухуш ца Iapa цо боьлакахь текхна и къацахетаршка яьлла делкъе, къаьсттина — цу боьлакара цуьнан цIа верзар. Делахь а шен-шен деган къайленгахь накъостех xIopa а реза-м хир вара и киртиг шений-шений юха а гайта.
Шаьшшиннан барт хиларца Iалавдис шен гIайби кIел диллина коньякан шиша гIуллакхе хеца хIинца а хIоттаза вара Iеласолта.

Езачу дас, кест-кеста хьакхар а хьокхуш, ларамца маьнги кIелахь Iиллочу карданан семанна шенна бен ца кхочура цкъачунна цуьнан деган экамаллаш. Цул совнаха, хилларг шен хьехамца хилла дела, эхь-бехко вожура Iеласолта, ша накъостана бина хьехам, саьхьараллех маьрша ца хиллехь а, цунна дика дан лууш бина хиллашехь.

Ткъа оцу хенахь Мишин, Колин (Мутушан, Куршабан) синхаамаш меллаша, амма бухахьа ца бовлуш шайн «апогейга» хьалагIертара.
И шиъ марсаваккха санна, Раиса а яьллера басарш хьекхий, хаза мел долу духарш духий. ХIинца цхьана иттех денна команди¬ровке вахана Степан «шелвелла» вогIуш хиларна а дацара цуьнан иза, ма-дарра аьлча.

Мутушана иза билггала хиира. Куршабана хаа бен ца делира. Амма цунна тосадалар вукхуьнан хаарал нуьцкъала а хилла, иза, кхеттане наб а ца кхетта, хьалаиккхина, шен кхоллам зен дIахьаьдира: «Вахана, неI тоьхна, ма-дарра хаа деза!» — аьлла.

Аьхкенан йоцачу буьйсано набаршца тебинера юьртара бахархой. Цхьа а кор дацара серладаьлла, цхьа а жIаьла ца хезара ле¬таш, маьхьарий ца хьоькхура цицигаша. «Дала аьтто бойла сан!»— элира завмаг хиллачо, кху тIаьхьарчу хенахь дела шех дIаверзар шена зеделлашехь. «Басбулакх» совхозехь уггаре хаза божал долчу, шена дика евзачу ков-кертехьа болар ийцира Куршаба.

ТIук-тIук-тIук», — меллаша неI туьйхира цо. Чохь цхьаъ меттахъхьайра. Юха а неI туьйхира хьешо, амма иза дIа ца йоьллура, «Кхоьру. Цхьа; ма ю и», — дагадеана, корехьа волавелира Куршаб, чухьажа дагахь.

Амма xIapa коре кхоччушехь, куьйра санна, тIаьхьашха тIекхоссавелира кхунна Раисин майра. Кхеравелла, ког ма-боллу кертара арахьа дIахьаьдира Куршаб, амма божална гIортораш ян шаьш деана хиллачу бIогIамех ког а тасабелла, дакъа санна, охьавуьйжира. Гонаха юха а тийналла хIоьттира. ЧIогIа лазийна, амма узар дан ца ваьхьаш Iapa Куршаб. Уггаре лан халаниг — xIapa тийналлий, къайлаваьлла зудчун майрий — и ши хIума дара. «Тебна Iа, гучуволлушехь, суна топ тоха!» — бохура Куршаба да¬гахь, ша дан дезарг ца хууш.

Ах сахьт гергга хан яьлча кертана уллорчу кондаршлахь цхьа шахтата хезира. ЧIоггIа ши бIаьрг дIа а хьаббеш, корта дIалачкъийра Куршаба, страус олхазаро санна, бодаш букъбаларе сатуьйсуш.

Шах-татанаш, чIагI а делла, тебачу гIулчашка дирзира. Кур¬шаб Iада а веш, герга яьхкира гIулчаш, цхьана кого лерг хьаьшира тебна Iачун. «А-а-а!» — къинхетам боьхуш, цIогIа белира цуьнга. Цхьанаметта лета девлира кхоалгIачу отделенера дерриге а жIаьлеш. Цхьаццадолчу корашкахь стогарш летира. Раисин кер¬тара тIаьхьий-хьалхий инзаре масачу боларехь аратилира ши гIaларт, дуьхьала мел нислун хIуманаш тIекIел а кхуьссуш, ший а цхьана агIорхьа дIахьаьдира.

Дуьхьала нисбелла зIенан бIогIам дIа ца харцабелла куц дара Куршабе, амма ша, юханехьа лестина, вуьйжира. Хетарехь, дагахь зулам доцуш хьаьдда вогIу тIаьхьараниг, воьжна Iуьллучун тIехьенах а тасавелла, корта хьалхахьа а болуш, иштта бIогIамах дIакхийтира. Амма парггIата ул-уллохь Iилла ца лиира цхьана зудчехь безам бол чу шинна. Ша-ша цIеххьана вукхуьнга ца вейта, гIора ма-дду вовшашна тIехь пхьола дан волавелира ший а.
МостагIчунна бетах ша масех буй тоьхча, Куршаб гIеххьа цецвелира Степанан мера кIелахь мекхаш хаадаларх. И мекхаш шена девзаш санна а хийтира цунна. Раисин бакъонца волчу майрачун хуьлийла дацара уьш. Дуьхьалхочун кого жимма ведбинехь а, Куршабан корта тоъал болх беш бара. Цундела и сихха кхийтира шен гIуллакх деанарг, Степан а воцуш, шен хьехамча-бригадир Мутуш хиларх!

ЗIенан бIогIамах кхетар бIагIарбаьккхинчу коьрте кеста ца боьссира, шен деца турпалчу тIаме ваьлларг мила ву, бохучун кхетам. Дуьхьала нисвелларг вовзаро тухург кхин а боккхачу тIаламций, хазахетарций тохуьйтура хIинца Куршабе, ткъа и вовзаза волу Мутуш цу балхо башха воккха ца вевора.

Хийцалучу кхиамашца дIабоьдура къовсам. Урс, диг я безо тIулг тайпа гIоьналлин гIирс бацаро дахдинера церан летар, цхьа¬на а говзаллех пайда ца оьцуьйтуш.
Эххар а, Мутушана а хааза ца дисира, шеца летарг мила ву, и хааро дерачу ницкъаца меженаш а юьйлира цуьнан.

Вовшашна тIееттара цу шимма, xIopa а ненан маттахь дош аларх а ларлуш, хIунда аьлча, тIаккха ду шиннан дов тайпа-тукхамийн «аспекте» ма долура, юкъарлоне дуккха а баккхий нах уьйзуш, машар баран чаьлхаш кегайойтуш, хийла хан эрна йохуьйтуш, и. дI. кх. а, и. дI. кх. а. Иза а — нагахь юкъа цIий ца дулуш дисахь. Ткъа хIинца цкъа тIуллакх шел диках кхин хуьлийла йоцуш дара: дог Iаббалц хьайн хирг а дай, тIаьххьара а, хьайна, хьуо Степанаца лета, моьттура, алий, бехказло е хьайна...

Цхьаццанхьара хьалхара боргIалш а евлира кхийкха. Лета шиъ хьуьхьвоьллера. Мутуш мелла а гIолечу хьолехь вара. Куьг айалора цуьнга хIинца а. Верриг а цIийша вуьзина, докъан хьесапехь Iуьллура Куршаб. ГIодаюккъе цунна тIе а хиина, кхин цкъа а шен даьIахканбуй хьалабахийтира Мутуша.

— Тоийта! — элира цуьнга Куршаба, цунна кIелахь Iуьллург, Степан а воцуш, хухуртахо хилар хоуьйтуш. Амма Мутуша айина буй боккхачу лаамций, синхаамций айина хиллера. Ткъа Курша¬бан бат хIинца а лелуш яра. Цундела чу тIе и тIаьххьара толамаи буй ца буьллуш ца Iавелира бригадир. Бакъду, и ша тоьхначул тIаьхьа, белшаш тIе а виллина, цIа-м ваьхьира цо шен накъост, кест-кеста:
— Хьо вара и, Iовдал? Суна-м, айса еттарг Степан ву, моьт¬тура... Хьан хIун дисинера цигахь?! — бохуш.


VII-гIa КОРТА


Аьхкенан юккъерчу маьлхан йовхачу зIаьнарший, деш-дуьтуш доцуш леларой, тийна йогучу цIаро шашлыкаш санна, синхаамах буьзна кийра кхорзура даьхний дIаоьцучу пунктан заведующичун цхьаъ бен воцчу кIентан. Хухуртарчу хазачу йоIе баханчу безамо ша вуьйш лаьтта, олий хеталора цунна тIаьхь-тIаьхьа.

«Къиза ву соьца да. Ша санна, со «йогIург яккха» цаволаваларо дарвина, суна бекхамаш бо. Цхьана буса чекхдаккхалур ма дара цуьнга и гIуллакх, йоI суна схьа а ялош!» — ойла йора Борзас, «Ядор» бохучу операцин план а хIоттош. «Бакъ къонахашкахь товш долу хIума дан сайн доьналла хилар а хоуьйтур ас цунна!» — кхин а дIагIертара цуьнан ойла.
Борза тешна вара цу операцин дагахьбалламе агIонаш дас тIаьхьа дIалуьстург хиларх. Ден ахчанан таронаш а, бевза-безачийн шуьйра го а дика тидалора цуьнга.
Шовданан йисте а йогIуш, Борзин «куьцах» марзо эца реза ца хуьлура Лолита. И дуьхьала кхетарх а ларлора. Шен даго хаьржинарг ган аьтто болуш кIантана йисина меттиг йохкаэцарийн ба¬зар бен яцара.

Амма кхузахь а хIуттура цхьа «проблема», хIунда аьлча, республикехь масех яра и тайпа базарш. Царалахь цхьаъ къастош, Кесирин товарийн билгалонаш хаа езара. Цундела, сарралц базаршкахула а кхерстий, Лолита ца гуш, цIа воьрзийлаш а кIезиг ца нислора Борзин, де чекх а долий.

Цкъа юьхьанца шен планан къайле цхьаннах а ца тешош лийлира Борза. Амма хан-зама яларца кхета вуьйлира и гIуллакх шена цхьанна кхочушдан хала хирг хиларх. «Масала, — ойла йора цо, — цхьанахьа урамехь схьа а лаьцна, караэцна, ядийна яьхьна, йиллинчу нeIapx машенна чу кхуссур ю ас иза. Ткъа хьан сацор ю и цу чохь, тIам болчу хьалха а хьаьдда, ас машен дIаоьккхуьйтучу юкъана?

Ткъа иза-х юй хьаьдда йоьдучу машенара а чуэккха там болуш! Урамехь сайна гушшехь, сихха муьшаца ехка а йихкина, тIаккха кхоьссича хIун дара-те и цу машенна чу? ХIан-хIа, цунах а гIуллакх хир дац. Гали ма дац и, йоI ма ю. Мохь хьакха, орца даккха, дуьхьало ян тарло... ХIан-хIа, цхьаъ я шиъ накъост воцуш гIуллакх хир дац!»
ХIуъа дина а, операци кхиамца чекхъяккха лааро чIогIа стешха винера Борза. Ша дагалаьцна гIуллакх хьан-хьанна а хаарх лар¬лора иза.

Производствон гIайгIанашка шайна ницкъ ца бойтуш а, амма юкъараллин дерташ дика девзаш а долчу адамашца юкъаметтигаш алссам Iиттаяларо хаийтинера Борзина ахчанах хIуъа а дан кийча нах дуьненахь кIезиг бацар. Иштанаш цкъачунна бевзина-м вацара иза, амма тIаьхь-тIаьхьа уьш бовза лууш-м вара. Цу ханна оцу «наркоманаш» олучу нахаца «хьа-сане» хиллал кхиъна ваьлла куц дара иза. ХIаъ. Кхидолу некъаш дерриге а зийна ваьллера республикан маьIнехьчу къайлахчу миллионеран хьомсара воI. Керланиг, гина-лайна доцург довзаре кхийда Борзин дог ма-хуьллу дIагIерта делира адамех къаьстинчу оцу тайпанехьа. Шен даго хьоьхучу иза дIа а волавелира, хинболчу кхиамах тешаш.

И цуьнан тешам цхьа цIеххьаний, шен хенаххьий карадеанчу ахчано а бора чIагI. Цхьана Iуьйранна, ван а веана, Борзина вевзаш воцчу цхьана заготовитело да хаьттира цуьнга. ГIеххьа йоккха туп ахча деана хиллера цо, ткъа и дIадала Iалихан лоьхуш лела цуьнан йиш ца хилира, цхьанахьа кхача сиха волуш. Схьаийцира Борзас цуьнгара ахча, амма дега дIа ца делира, цкъа-делахь, цунна иза ца хууш дисаре догдохуш, шолгIа-делахь, ден вуьшта а дара шортта ахча!

Башха къахьега а ца оьшуш, сихха карийра Борзина гIалахь шиъ наркоман. Милици йоцчарна, кхечу хьанна а атта карор болуш хиллера уьш. «Конспираци» кхачам боллуш хилийтархьама, йоI ядор нехан машенахь кхочушдан сацийра Борзас. Цу гIуллаккана такси дика хир яра, амма таксисташ, стенна делахь а, реза ца хуьлура.

«Вуьзка ву xIинцалера таксист! — догъэтIара Борзин. — Цхьа¬на суьйранна шайна лун шовзткъе итт туьма дош а ца хета!»

Ткъех такси сацийна хир яра Борзас шен керлачу накъосташца цу оршотан дийнахь гIалин гIовгIанечу урамехь, кIиранан денна барт бан. Вовшех дагабевлча санна, цхьа а  реза ца хуьлура. Цхьамма ура-атталла кхерам а тесира, прокурор хьахош. Эххар а, кхарна уллохь машен сацийра цхьана эхь доцу мокха бIаьргаш болчу хьаьрсачу таксисто.
— Хаьа. Зуда яло гIерта. Расписка лол! — элира цо, волалушшехь.
— Хун расписка? — ца кхийтира Борза.
— ЙоI хьайга шен лаамехь йогIуш хиларан хьокъехь Ахча а ло хIинццехь. Кусок!
Борза кхийтира шена нисвелларг хан эрна йойучех стаг воцийла.
— Расписка а, ялх бIе сом а.
— Распиский, бархI бIей!
— Распиский, ворхI бIей.
— Барт хили. ТIеховша.
— ХIинцца ялош яц иза.
— Ткъа маца?
— Кхана Iуьйранна Хухуртана уллора Хьере чахчари йолчохь хила.
— Хухуртара дуьйна Хьере чахчари йолчу мила хьодур ю хьоьга маре ян? — ца Iавелира кхоссар ца йича таксист, шен эхь доцу ши бIаьрг цуьнан юьхьа дуьхьала а берзош.
— Хьеречу чахчарехь вай вовшахкхета. ТIаккха цигара юьрта доьлху.
Распиский, ахчий таксисте дIа а делла, цо шаьш Iехадахь а аьлла, хьацаро тIунйинчу шен кераюккъе таксин номер дIаязйира Борзас, тIаккха шен шина накъостаца цхьаьна юьрта вухавеара.

Да балхахь волчу дохнан кертахь дIанисвира Борзас шен ши хьаша буьйса яккха, paгIy кIелахь, Ша цIа веара, жоьпалле операци йолаялале дика садаIа.
Амма наб ян ца туьгура цунна. Набаран меттана, Лолита гIepтара коьрте шен массо хазаллашца цхьаьна, Ойланехь цуьнан и хазаллаш хьоьстуш, чIичкъашка оьхура иза.
Корал арахьа бутт кхетаза, бархатах Iаьржа къилбен буьйса лаьттара. Цо шена латто сингаттам тховса тIаьххьараниг хетара даьхний дIаоьцучу пунктан заведующичун ткъа шо кхаьчначу кIентан могушчу, дуьзначу дагна.

Хьере хиллал яхъеллера и буьйса дохнан кертахь буьйса йоккхуш висинчу шина хьешана.
— Валохьа, и Iен меттиг а лахий, цхьаъ караде, ала вайша цуьнга, — дагадеара цу шиннах Iуьргаш дийлина джинсаш йолчунна.
— Вало, — реза хилира мокха хеча йолу важа наркоман.
— Вайшинна и муха карор хьовха, берриге а бийшина ма бу?— цу гIуллакхах шек хилира джинсаш юьйхина наркоман.

— Юьртахула дIасаволалур вайша. Хатта цхьаъ Iотталур вац-те? — вукхо а аьлла, евзаш йоцчу юьртан цхьана урамехула дIаволавелира и шиъ. Буьйсанна кхо сахьт даьлла хан яра.
Шаьш мел лелла а, мича кхаьчна а дага ца догIура наркоманашна. Цхьа цIеххьана царна дуьххьала гучуелира цхьа юткъа кIайн хIума, пхи метр гергга лекха а хир йолуш.
— И хIун ю? — хаьттира кхеравеллачу джинсаш йолчо шен накъосте.

— Ца хаьа...
Ткъа и кIайн еха хIума герга кхаьчнна йогIура.
Кхеравелла, Iадийнера ши наркоман. КIайн къемат я бIарлагIа шина гIулчехь яра цу шинна. ЦIеххьана меттавеана, ког ма-боллу цхьацца агIорхьа дIасахьаьдира ши наркоман.
КIайн хIума, йохаллехьа а йирзина, кхисса а луш, нийсса новкъахула дIахьаьдира муьжгийн этгийн татанаш а дохуш.
Гиначух кхетта, халла меттабаьхкира наркоманаш. Хьуьнан бахаман пхьалгIа хиллера гена йоцуш, кертахь аннаш хедон чарх а йолуш. Ткъа и бIарлагIа — меттигерчу цхьана къуьно дохьу у хиллера.

«Далла хастам-кха, бIарлагIаша цкъачунна хьийза-х ца дой вай», — доккха садаьккхира шина а наркомано цхьабосса. Амма оццу минотехь цхьана тамашийначу кхечу шах-татанаша дIауьйзира церан тидам. Мох боцуш, тийна яра буьйса, ткъа шахтатанаш чIагIлуш догIура. БIаьрса ирдина хьуьйсура наркоманаш цу агIорхьа, амма цхьа а чохь са долу хIума гуш яцара.

Кертехьа дIа а таьIна, и керла тамашийна хIума тIехъяларе хьежа велира и шиъ. Бодашкара схьагIертара цхьа йоккха хIума. ХIаъ. Шеко хуьлийла дацара. Иза керлачу гIодамийн такхор ба¬ра, колхозан кхашкара юьртан урамехула схьагIерташ.
Ондда, шех бIоболарца гIулч йоккхуш богIура такхор. Сих а ца луш, ша бус-буса лела Iеминчу новкъа.

— Хь-хьуна той такхор? — хаьттира цхьана наркомане ву-кхуьнга.
— Г-г-го, — жоп делира вукхо.
— Вайна мотта-м ца делла-те?
— ХIан-хIа, ца моттаделла. Такхор бу иза!
— Ткъа лела хI-хIунда лела и?
— Суна хетарехь, и лоьлуьйтург а — важа у лелийттинарг ду...
ХIорш бистхуьлуш хезна, такхор    соцунгIа    хилира. Бада ца гIертара иза, хьалхалера у санна.
— Оссолом Iалайкум! — шех бIоболарца боьршачу стеган озаца бистхилира такхор.
— Ва-Iакум са-а-акум, — дуьхьала гIам-гIим дира наркоманаша.
— Со хьажа хIумма а дуй? — хаьттира такхоро гIиллакхечу, амма луьро хеталучу озаца..
— Б-баркалла. ХIумма а дац, — жоп делира наркоманаша. Такхор оццу шен боларехь дIабахара.

— ДIаваьр вайша кхузара. Сахиллац сатохаза дер дац. Хьанна хаьа, кхин хIун кхочу кхуза адамийн мотт бийца, — аьлла, оцу къематех баьккхинчу урамера дIахьаьдда, шаьш сецначу дохнан кертахь къайлавала сихвелира ши наркоман. Хетарехь. цигахь и тайпа тамашийна хIуманаш, буса ца Iитталуш, дийнахь, маьлхан серлонгахь ган тарлора.
Акхаройх дарвелла тIеийцира цу шимма Гуьйре. Борза гучуволлушехь, ший а цхьабосса тIехьаьдира цунна кхочуш ца дан йиш йоцчу цхьана дехарца:    «Даккхахьа    цхьанахьара!» — «Мичара? Сарралц са ца тохало шуьга?» — цецвелира Борза. Амма цуьнан. цецваларна наркоманаша дуьхьала хьежориг цабезам бара.

— Даккхий вала! Ца даккхахь, оха вуьйр ву хьо! — иккхира, ларамаза санна, джинсаш юьйхинчуьнга. Цул гIоле хIума дацара мокха хеча йолчу вукхуьнан кхоьлинчу, уьдучу, Iазапечу бIаьргаша хьоьхург а.

— Аш хIун до, хIай! Хьера-м ца девлла шу?! Ишта ца бинера вай барт. Ас шуьшинне а ткъаткъа туьманаш ахча лур ду. ГIуллакх чекхдаьлча, шаьш лохур аш шайна оьшург, — бохура и тайпа амалш евзина воцчу Борзас.
— Делахь-хIета, айхьа ца лоху, бах-кха ахь? — сацам боллуш хаьттира джинсаш йолчо.
— ХIета, ахча а лой, гIала вахийта тхойшиъ. Сихха вухавогIур ву хьуна.
— ХIан-хIа, гIуллакх дина девлча!
— И тIаьххьара дош ду-кх хьан?

— Ду. ТIаьххьара! — мохь хьаькхира наркоманел кIезиг оьгIазвахана воцчу Борзас. — Шу, хIун, сан гIуллакх дохо-м ца гIерта, хьайбанаш?
— ХIаъ, дера ду тхо-м хьайбанаш. Цундела нисвина хир ву ахь тхойшиъ кху дохнан керта! Тхоьца xIapa тайпа юкъаметтиг хIинццалц схьа цхьаммо а ца лелийна! — адамаллин сий-ларам дагабеара джинсаш йолчу наркоманна.

— Вай хIинцца гойтур ду хьуна кхунна-м, хьеший тIе муха эца беза! — элира вукхо, Борзин букъа тIехьа охьа а таьIаш. Джинсашлелорхочо, некха тIе куьйгаш тухуш, дIатеттина Борза, тIехьа лахвеллачунна тIе а кхетта, лаьтта вуьйжира. ХьалагIатта ца вуьтуш, тIе а хиъна, цуьнан легаш Iийда хIоьттира вехна веана ши хьаша.
— ХIан, хIинца алал, дохьу ахь я ца дохьу!
— Алий вала, дохьий ахь?
— Оха и са дIаоьцу хьан!

Къарвала дагадеара готта хьовзийнчу Борзина: «ХIан, дIахеца, лаха доьлху вай», — олуш, амма цIеххьана Лолита дагаеара тIаккха. Лолита шен дола яларан гIуллакх аш цу шиннал толарх я эшарх дозуш хийтира. ХIинццалц набаро къийлина цуьнан дегIера инзаре ницкъ цIеххьана самабелира. Цхьа наркоман шена буха а хьош, дIакерчина, сихха хьалаиккхира Борза.

Ша охьатаIийнарг лаьттах хьалакъастa кхиале, кучан каччий, аьрру коггий лаьцна, шолгIаниг шена тIехула лаккха хьалаайира, цунна охьавожа аьтто болу кIеда меттиг ца лоьхуш, ласттийна юьстах вахийтира. ПIенда боран «гIарчI» а, лазийнчу стеган узар а хезира. Цунна хилларг къестош ца Iаш, оцу хенахь хьалаэккха а, шен кхоллам когех тешо а кхиъначу вукху наркоманна тIаьхьавелира Борза. Ткъа важа рагIугахьа хьаьдда воьдура: «Орцахдовлийша! Вуьйш ву!» — бохуш.

Кхеравалар тIехдаьлла, рагIун тхов тIе вала гIерташ воллу наркоман, джинсаш а ятIош, кIедачу меттера лаьцна, охьаваьккхира даьхний дIаоьцучу пунктан заведующичун хьераваьллачу кIанта. Ша диначунна хIумма а дохко а ца велира иза. Хьалаайина, иза а лаьтта заржо дог хилира цуьнан, амма, цIеххьана кхетам серлабаьлла, сецира: и вайна, зуда ялор генна дIататта дезар дара...

Шаьш я Борзас бохург дан, я цуьнан карах Iожалла тIеэца — цу шиннах цхьаъ ца дича цадовларх а кхетта, шолгIаниг хаьржира наркоманаша.
Кхуьй а Хьеречу чахчарехьа дIавахара.

Йиллина хан герга мел гIерта, Борзин таксистах вагар совдуьйлура: и ца вагIахь? Цо шен дош ца лардахь?! ХIуьттаренна санна, куьйга тIе язйина номер а яйнера дIа. «Амма цуьнан эхь доцу муцIap дагахь ю суна! Ца вогIий — ас, лаха а лехна, вуьйр ву!» — сацийра шен дагахь Борзас.

Воккхаверах, ирсах дуьзира Борзин синтем байна дог, тIейогIучу таксих бIаьрг кхетча. Планаца схьадогIура дерриг а! Цхьа кIадбоццу хIума дара дисинарг — нускал машенна чу таттар. Ткъа цул тIаьхьа нуьцкъалчу дас дIадерзор ду хилларг. КIентан дуьхьа ца дерзадахь а, цIарна цIе яханчу шен дуьхьа!


VIII-гIa КОРТА


Цу Iуьйранна Iалавди, мел ойла ярх, кхеталуш вацара шайн бригадир вижинчуьра цагIаттаран бахьанах. ТIевахана, муьшка а йина, лерина цуьнга хьаьжна, вагийча санна, вухаиккхира иза: лечу хьоле валлалц йиттина, цIийх вуьзна, дегI Iарждина вара важа. Ткъа кхунна-х гинерий дIавуьжучу хенахь иза могуш-паргIат хилар! Iеласолтий, Куршаббий вуьжучу чу иккхина, Куршаб а оццу хьолехь гича, жинех тешаш волу Iалавди кхетамчуьра валлаза висира: вижина Iуьллучу стагана шайтIанаша наггахь етташ хи¬лар цунна хийлазза хезна хIума ма дарий. Амма — кху хьоле вал¬лалц... ГIиллакхах цхьа а хьаса боцчу шайтIанаша бен еттийла дацара оццул чIогIа!

Цкъа бат буса агIоръяьллачунна жайна яздойла хиллера Iалавдин. Ткъа хIинца хIун дан дезара, тов, шайтIанаша шайна елла бакъонаш сел тIехъяьхна хилча?
ЧIогIа воьхнера Iалавди. Iеласолтина хетачуьнга ладогIа а кийча вара иза, амма важа ша а ца кхетара хиллачух.

Мадвина Iуьллу шиъ меттахъхьаван ца хIуттуш Iapa и шиъ. Балха ваха а ца ваьхьара, и шиъ шаьш вита кхоьруш.

Хьалха Мутуш велира сама, меттахь дIасакерчара, накъосташка ша хIун ала, ца хууш. Далла хастам, оцу бегIийла доцчу хьолах хьалхавала гIo Iалавдис ша дира.
— Мутуш! Хьуна хIумма а дагадогIий? — цунна улло маьнги тIе охьалахвелира къинхетаме накъост.

— ХIан-хIа. ХIунда бохура ахь? — хаьттира Мутуша.
— Делан дуьхьа, воха ма вохалахь, xIapa наггахь хуьлуш ду хьуна, нагахь дийнахь стеган ког шайтIанийн бенна тIе нислахь. Селхана Куршабан а, хьан а нисбелла куц ду цу т!е ког, цунде-ла цара шуьшинна сийсара йиттина... Далла бу хастам, батош-х ца гамъеллий шуьшиннан. Велла д!аваллалц батош aгlop йиса ма мегара шуьшиннан!
— Куршабана а йиттина, бах ахь? — цецваьлла кеп хIоттий-ра Мутуша.
—ХIаъ, дера йиттина... Ас ма боху хьоьга, шуьшиъ цхьаьний нисвелла хилла цу шайтIанийн бена тIе!
— Дера иза а бакъ ма ду... Ткъа цхьаъ алахьа: цу шайтIанаша суна йиттина-те сов я цунна?
— Хетарехь, цунна йиттина.
— ТIаккха-м хIумма а дац. Сатухур вай... XIapa-а... Фельдшер йолчу а ГIой, жимма йод да;хьа. Хьой, Iеласолтий балха гIop. Сой, Куршаб тхешан цхьацца гIуллакхашца гIала вахана, аьр аш. Кхийтин хьо? XIapa батош а йина, нахана гучуволийла ма дац тхойшиннан.

* * *

ГIеххьа сиха доьдура чевнийн ерзар. БIаьргаш кIелара «фонараш» ца хилча, балха вала а мегар дара.

Цхьана ханна малвелла хилла Iалавди чIогIа инзарваьккхинера шена гиначо. Катоьхнна ламаз даран гIуллакх карладаккха сихвелира иза. ТIехь долу пхиъ дина ца Iаш,  дийнахь-бусий пхийтта дора цо и ламазаш хIинца, Шурпан бахьанехь шен юкъахдисинарш меттахIиттош.
Юха а суьпалле вирзина Iалавди шайтIанаша де; а бехк-гуьнахь доцуш хьийзийнчу Куршабаний,

Мутушаний дарбанаш лелош хьийззашехь, Iеласолта цу хенахь шен коньякан шиша а, цуьнца боьзна хилла шен сатийсамаш а, «реализаце» берзо кхиъна хиллера. Дерригенал а тамашийна дерг хIун дара, аьлча, — и дера дара цуьнан езар Шурпанан герггара доттагI хилар. Иза цуьнца декнийн боьлаке лийча цалеларан бахьана — яй била лелаш цхьа стаг бен цахилар хиллера.

Шен Фросера хиира Iеласолтина, цу дакъазлонан дийнахь Iалавдица шен нисделларг хIун дара, дага ца догIуш, Шурпан чIогIа сагатдеш хилар. Шурпана ша дийцарехь, иза чIогIа кхераелла хиллера, Алик (Iалавди) ша хи буха таIо гIepтa, моьттуш.
Къахийтира Iеласолтина цу дагца кIадъеллачу, безамо хуьйдина дIайоккхуш лаьттачу Шурпанах. Ма-хуьллу ларлора хIинца Iеласолта шина зудче — шина доттагIчуьнга Алик (Iалавди) юха а суьпачу дог-ойлане, дуьненан марзонаш йитаре таьIна хилар шен багах даларх.

* * *

Шен пхийтта ламаз дан дIахIоттале когаш била теса улло охьалахлуш воллура Iалавди, Iеласолтас цуьнга хаам беш:
— Маршалла ду хьоьга, Алик! — аьлла. ДIасахьаьжира Iалавди: ша   воцург,   кхин   цхьа а «Алик» ца
гира цунна чохь.
— XIy-ун? ХIун ду ахь бохург? — цец хаьттира, далла дуьхьала хIотта кечлуш воллучо.
— Iexa а йина, йоI дIатеснийца? — тIетеIа велира Iеласолта.
— Хьан? Асий? — боккъалла а цецвелира Iалавди, гIумгIи чуьра хи тесана уллохула а дуьттуш.

— ХIун, со-х вацарий тIехь шарбал а йоцуш Шурпанна тIаьхьаиддарг? Зударшна иштаниг дицло, моьтту хьуна?!
— Ма е гIовгIа! Хьайн делан дуьхьа, ма е! Ас доьху хьоьга, ма дахалахь и кхин карла! Хьуна лаахь, ас къаьркъа эца ахча а лур ду хьуна, айхьа хьайна луъург де, амма сема хьехавахьара ахь! Iаьржа а, кIайн а — цхьаннахьахь а со ма хьехавехьа! Вал¬лахI, ас чIир ма хьайийр ю хьоьга!
Забар ца йора Iалавдис. КхидIа и хьийзор кхераме дара. Iеласолтас кхечу кепара долийра:
— Цу хьокъехь жайнаша хIун боху-м хаац, амма, суна хетарехь, Iазапехь воллучунна орцах ца ваьлча, къилахь-м ду.
— Мила ву Iазапехь воллуш? — хаьттира Iалавдис.
— Хьан Шурлан ю-кх. Хьо шега дIа а ца хьожу, яйш дила а ца вогIу, бохуш.
— Бакъ дац! Аьшпаш бу!
— Бакъ ду, амма хьо кхидIа йолчу ханна, сел сиха ца хуьлуш, жимма собаре хиларе сатуьйсу цо...
— ДIавалахьа! Ламазна новкъарло ма ехьа, — элира Iалавдис, амма Iеласолтина тергалделира цуьнан дуткъачу даг чохь юха а цхьа сатийсамаш меттахъхьар.

* * *

Мутуш, Куршаб вовшашка вистхуьлуш вацара, шайн произ¬водствен я Iep-дахаран гIуллакхийн хьокъехь бен. Цу шимма дарбанаш лелочу юкъана Степанан командировка а чекхъелира. Чевнашца цхьаьна дIа ца боьрзуш бисира шина накъостан вовшашка болу цабезам. ХIинца а тIекхаьчна ялаза яра церан шайн юкъа-меттигаш къастон хан.
Цхьана дийнахь, конторера шайн балха тIе а веана, бригадира элира:
— Вайна луш хьун а ю, и схьакхехьа луш ши машенний, край¬ний а ю. Мила вогIу шух соьца?
— Со вогIу! — сихха реза хилира Куршаб.
— Дика ду. Кечло хIета. ХIинца схьакхочур ю машенаш. Сарахь бахара уьш хьуьнан складе.
«Сел лаамца соьца ван xIapa реза хиларан бахьана хIун ду-те? — ойла йора Мутуша. — Ас шен юьхь-марш оццул къарзйиначул тIаьхьа а самукъадолу-те кхуьнан сох?»
— Жимма садоIур вай, — вистхилира бригадир, ша еана юург кабини чуьра охьа а йоккхуш.
— Хьуна хаьий, хьо хIун къонах ву, хьажархьама, ас нах боцчохь хьоьца хьайцца вистхила меттиг лоьхийла — элира Куршаба Мутуше, шен кхоьлина ши бIаьрг цуьнан бIаьра а бугIуш.
— Цо хIун боху? — дуьхе кхиа лиира шоферех цхьанна.
— БIегIийлий, нийсий, дикий ду, бохура кхуо-м, — гочдира Мутуша, ткъа вукхунна жоп делира: — Го баьккхина эрна аре-ю-кх, гуш адам а доцуш, цу дуьхьа кхуза стенна вогIура хьо?

— Со хьоьга маре вогIур ву-кх хьуна, со — со вуйла а хууш, хIетахь ахь суна тIаьххьара тоьхна буй ас хьуна бицбахь, — цергех чекх Iаьвдира Куршаба.
— ХIун гIам-гIим ду цо хIинца дийриг? — хаьттира шолгIачу шоферо.
— Iаламан кхоам бу, боху. ХIоккхул хьун хIаллакйина... — жоп луш, шен накъостехьа вирзира Мутуш: — Ткъа суна ма ца лаьа хьо сайна вало. Цкъа-делахь, сан сайн долахь зуда йолуш ю. Кхин цхьаъ кху кхоалгIачу отделенехь а ю. КхоалгIаниг а ю — исбаьхьа Лолита — Хухуртахь Iаш, со цIа кхачаре    сатуьйсуш!
Иза, олуш ма-хиллара, чожал лаха тохар дара, хIунда аьлча, Куршабана хIинццалц схьа хууш дацара Мутуш Лолита яло лоьруш хилар. Хьалаиккхира иза, лаьхьо къовзийча санна:
— Валол хIета соьца, хьуо боьрша велахь!

— XIapa стенна чуьраваьлла? — хаьттира хьалхарчу шоферо.
— Суьйре хаза яра, бах, чуьркаша ца къийзавахьара, — гоч а дина, Куршабе дIахьаьжира Мутуш: — Туьха тесна пхьид сан¬на, ирх стенна кхиссало хьо?! Кхуьур ву вайша, боьрша мила ву а, вац а, къасто.
— И зударийн къамелаш ма делахь соьца! — кхачо йоллуш оьгIазвахна, Мутушах тасавелира Куршаб.
— ХIей, доттагI, цуьнга хIун де бах ахь, хьуо къийзораш чуьркаш хилча? — цецбуьйлура шофераш. Ткъа гIуллакх цу хенахь хьашт доцчу тIегIана долуш лаьттара. ЦIий довха ши кавказхо дIаса а ваьккхина, шина шоферой, крановщикой ладам боллуш дIахьедар дира цаьрга:
— Дечигаш тIейоттий, тхо дIа а хьовсадай, тIаккха, буха а саций, шайна луъург де! Шу нIаьна-кIорнеш тийсаяла гIepтapa бохуш, еса рейсаш ян йиш яц тхан!
Амма бухависа вукху шинна ца лиира.

* * *

Дала шен уммате дерзийнчу дохнан ферманаш тоеш, тIе-таьIIина къахьегарой, чIагIъеш схьайохьучу ламазийн рожой тIеттIа цIанъеш лаьттара Iалавдин дог-ойла оцу хьалхалерчу шайтIанан лаамех. Цундела дог тешна вара иза ша бутт хьалха-лерра, молла хиларе сатуьйсийла долу Iалавди юха хилла ваьлла хиларх. Iеласолтица къамелаш дарх ларвала Лертара ша, хIунда аьлча, уьш тIаьхь-тIаьхьа кхераме хетара цунна.

ХIунда ду а хаац, — цхьана стагана вукхуьнца тIекаре вийла цалаарх, важа ца Ia-кх тIе ца кIалуш! ХIинца Iеласолта а ца Iий-кха, ша бохучун ойла а ца еш, дала тоьхннарг ца аьлча:
— Тховса сарахь вайга хьошалгIа ян езаш ю Фросий, Шур¬паний.

Iалавдис башха тидаме ца ийцира и дешнаш, Шурпанаца шен еана юкъаметтиг Iоттаелча, лартIехь йолу цхьа а зуда схьахьажа ешарг цахиларх ша тешна волу дела. Къамеле ялар-м хьехо а ца оьшура! Дерриг а ишта хила а дера мегара, амма ца хаьара Iалавдина цу гIуллакхехь «Алис»  (Iеласолтас) лелийнчу юкъарлонах дерг. Цкъа-делахь, вукхо шина зудчунна    аьшпаш боьттина хиллера, ша — Алий, xIapa — Аликкий ши ваша    ву, аьлла.

 Цу къацахетарийн дийнахь Аликан Шурпанна тIаьхьаидар, цхьана а вочу хIуманна доцуш, цуьнга, саца а йина, бехк цабиллар дехаре доьгIна дара, бохуш. ШолгIа-делахь,    Iеласолтас чIогIа бехказваьхнера Алик, иза ша а чIогIа дохковаьлларг веш. КхоалгIа-делахь, Алик дукха хенахь дуьйна и шиъ хьошалгIа кхайкха лууш шу, бохуш дийцинера Iеласолтас, цхьаьний   чай а    молуш, царна Кавказера керла хIуманаш довзийта, дахаран-Iеран хьокъехь а, Малхбален Казахстанан регионан юкъарчу дахарехула, экономикехула, культурехула кхиаран «перспективех» лаьцна а къамелаш дан...

Доцца аьлча, оцу говзачу дипломатино цхьана хазачу сарахь гIишлошъярхойн хIусаме хьошалгIа ялийра хаза юхаелла, IатIарийн хьожанаш етталун Фроський, Шурпанкий.
Шурпаикин карахь жима «Электрон» олу магнитофон яра. Фроськин тIоьрмига чуьра хьалакъедара шишанийн эвхьаза бертигаш...

Iалавди кхета ца туьгура: и шиъ — дала, шен ламазашна ял луш, даийтнна къинойх цIанвен ши малик ду-те, я шен деган чIагIо зён шайтIано схьаоьхьуш poгIepa хIуманаш ду-те?
Ойланца цхьа йист йоккхуш Iан хан яцара. Кхуьнан докъазалла, ремонтана оьшург ян вахана Мутуш, Куршаб а вацара цIа кхаьчна волуш. Кхаанна дуьхьала ша цхьаъ висинчу Iалавдин ян дуьхьало яцара.

«ХIай, дела, хьо теш ву-кх, хьуна гуш ду-кх соьгара хьал!» — бохуш деле дехарш дан велира Iалавди Шурпана, деаннах цхьаъ схьа а эцна, дуьззина жима стака схьакховдош: «Кху хIусаман дена тIера, вайна юкъахь кхин цкъеллигI-цкъа цатам хирг цахиларна тIера!» — олучу хенахь.

Дерриг а цIеххьана аттачу делира.
Мукъам а болабалийтина, Алик хелха вехира Шурпанкас. Мар-марахь доллу Алий, Фроський а хелхадолуш долчух тера дара.
Синхаамаш ирбаларо, безам карлабаларо корта хьовзийра Аликан.
ШолгIа кад Алика хьомечу зударшна тIера айира. ТIаккха шайх шишшаннашна тIера дIабаьккхира...

Хелхар дахдан ца лаьара Аликна, Шурпанна иза хаа а делира.
— Музыке ла а доьгIуш, долалой вайша? — элира цо.
— Цул хи тIе лийча гIой вайша? — шен лаам бийцара Али¬ка. — Вай массо а?
— ХIан-хIа, соьхь купальник яц, — дуьхьало   йира Шурпакас.
— Соьгахь а яц, — тIетуьйхира Фроськас.
— Уьш стенна оьшу? — ца кхийтира Алик.
— Хьуна-м дера ца оьшу. Хьо и йоцуш а мега, — аьлла, белабелира зударий, совца а ца луш. Цара и стенна тIе доьгIна боху, кхетта Алик гIеххьа ваставелира.
Жимма буьйлабелла а лелла, дIабийшира уьш. XIopa — шен-шен цIахь. Аликан Iуьйран ламазан хан тIехтилира, и сама а ца ваьлла.


IХ-гIа КОРТА


Август беттан кIиранан дийно маьлхан комаьршонца баккхийбебора хухуртахой. ЗIаьнарийн йовхо хьаннийн IиндагIаший, шовданаший дIахудура. Хилла евллачу бецийн а, боча-бIарийн дохделлачу гIан а хьожанаш етталун аьхна xIo цхьа дарбане, цхьа хьоме хетара. Кху маьлхан дуьненахь массо хIума кхоэ хетара хухуртахошна. Йилбазалла доцчу ламанхоша вовшашка саламаш кхуьссура. Базарара юьззинчу сетканашца, тIоьрмигашца, хорбазийн а, пастанийн а, кемсийн а галешца, ведаршца цIа оьхучара дуьхьала бетталурш шайга хьошалгIа кхуьйкхура.

Маршой, хьал-бахаммий хьерчара Хухуртах, Цхьана а хIумано ца хьоьхура, оцу декъала хиллачу дийнахь цхьаннан ямарт куьйгаш Кесирин бахаман хьаьрмахь кхиъначу, делдаделлачу зезагна тIекхевдар ду, бохург.

Герга гIертара суьйре. Амма лахлуш богIу малх чубуза хIинца а дикка хан яра. Адамашна хууш дара, гIалара дIасалелачу автобусо кIиранан суьйранна цIа муьлш балабо. Пассажирашна юкъахь Лолита яра хила езаш, цундела бахархойх божарийн ах юьртан майданехьа йирзинера. Ткъа цу майданахь сецна лаьттара нахалахь шеко кхуллу цхьа такси.
Пассажираш, стенна делахь а, охьабисса ца сихлора.

— Мутушан бригада-м яц-те и шабашкера цIа кхаьчна? — хаьттира цхьамма.
— Уьш хIунда лаьттар бара цигахь? — ца кхийтира цуьнца; Iийриг.
— Мелла хир бу. Ткъа таксисте догIург дIадоьху хир ду, — шена хетарг хаийтира хьалхарчо.

— Вахана, хьожу со, муьлаш бу, — такси йолчухьа дIаволавелира жимониг цхьаъ. Вуха а веана, цо схьадийцира:
— Вайнаш бац. Цхьа тамашийна нах бу. Батош кад беттачийчех тера ю, ткъа бIаьргаш — цамгаро хьийзочийн санна. Таксисттий, цунна уллохь Iийриггий газеташ доьшуш ву. Деша хаьийца. Цхьаъ — верстина ваттIа воллуш. Iаьне хIумма а ледара кхочуш вац. Iалиханна заготскоте дIавелча, шортта шай-кай хир яра цунах.
—Дика ду. Хьовсур вай, уьш хIунда лаьтта, —сацийра ламанан мехкан «мукъачу къинхьегаман ресурсийн» векалша.

Корийн бIаьргаш чохь чубузучу маьлхан зIаьнарш а сегош, меллаша майданехьа схьагIертара рейсан автобус. Лолитин хазалла гаран совгIате догдохуш, цигахьа дIайолаелира деш-дуьтуш доцчийн цхьа тоба. ХIан, эххар а, гучуелира иза ша! Коча гIулч тесна, автобусан тIегIанна тIера яйн чуиккхира иза, стигалбасахьчу майкано къевлина къона накхош тоха а долуьйтуш. Хьогаме хьуьйсучу божарийн синкхетам дIабаьхьира оцу башхачу суьрто.
Герггахь лаьттачу таксин неIарш цхьабосса елла а елла, цу чуьра кхо стаг араиккхира. Нах хуьлуш лаьттачух кхета кхиале кхааннах стоммачо, тIаьхьашха гIодаюкъ лаьцна, хьалаайира Лолита.


 Вукху шимма когех катуьйхира. Экама, исбаьхьа, жима Лолита, зIоьмалг я гали санна, такхийнатеттина, машен лаьтта¬чу дIаяьхьира. Таксин мотор латийна яра, цундела Хухуртан и исбаьхьалла ядийна къайлаяккха масех секунд бен ца оьшура цу Iалашонца баьхкинчарна.
— Ва-а-ай! — шийла мохь баьржира машаречу Хухуртана тIехула. Кесирин оцу маьхьаро меттабалийра, Iадийча санна, богIабеллачохь бисина нах. Пассажираш шайгара хIуманаш, ларчанаш охьакхуьссуш бохккушехь, уггаре хьалха талорхошна тIаьхьабевлира эрна йорт етташ лела кегийрхой. Лолита тIехьарчу миндара тIе кхоьссина Iуьллура.

 Борзий, цхьа наркоманний чухаа кхиънера Важа новкъа а хилла, юьстах ластийнера цара. И чухааре хьоьжуш ца Iаш, акселераторна тIе ког таIийра таксисто. Амма еххачу хенахь деш-дуьтуш доцуш лелла, цундела садаьIний, тIахъаьллий болу орцах хьаьлхинарш, тIекхиъна, капотах а, куьзга цIандечу щетканех а тийсабелира. Цхьаъ, галваьлла, машенна хьалхха охьавуьйжира. Тормоз ца тесча ца велира таксист. Кхуззахь схьакхечира коьрта орца а — хухуртахой шаьшший, автобуса тIехь цаьрга богIу хьеший. Уггаре хьалха таксист схьаваьккхира цара машенна чуьра. Кхеравелла, вукхо, цхьа распис¬ка-м хьехош, мохь хьоькхура. Кхераелла, мохь-цIогIа хьоькху Ло¬лита кIелхьараяккха, хухуртахоша тIехьара неI дIайиллича, царна хьалха дIахIоьттира дог майра Борза. «Совца! Ma e тхуна новкъарло! ДIадахийта тхо!» — бохура цо, амма дарбелла хухур¬тахой цуьнга ладогIа дагахь бацара. Лолита машена чуьра ара озош а гина, цунна орцах баьхкинчарна дуьхьала вирзина, шиъ лаьтта вожийра цо.

—TIeтoxa! Хьеша уьш! — маьхьарий деттара юьстах лаьттачара, амма машаречу хухуртахоша, етта ца етташ, куьйгаш, тIера бедарш, месаш лаьцна, сеца бен ца бора талорхой. Кесира, экханна бугIу гур санна, таксистам аьрручу когах тасаеллера, так¬сист воцуш такси дIагIур йоцийла хууш. Хухуртахь гIаьттина гIовгIа ехха лаьттира ца туьйш. Массо а шайн дагахь, хIинций-хIинций низаман дай схьакхочу, бохуш Iapa. Ткъа низаман да — участкови волчу Лабазанан сибатехь — кху тIаьхьарчу хенахь хаъал парталваьллера зуламаш кIеззиг дуьйлучу Хухуртан бегIийлачу хьелашкахь. Цхьадика, шайгара хIуъа а цхьаъ далийта карахдераш аьхкенан муьрехь цIера бовлура, цундела церан гIуллакхаллин тIаьхьенийн талламаш уьш нисбеллачу меттигашкарчу Лабазановн вирдан вежаршна тIе буьйшура.

Цу кеппара, Хухуртарчу майданахь иккхина Iоттабаккхам тен ца тийнера, цуьнан коьрта дакъалацархо — Лолита — талорхойн ямартчу карара паргIатъяьккхина йоллушехь. Кхераелла, яллаза йисина йолу иза хIинца Кесирица цхьаьна цIа эцна боьлхура къинхетаме дегнаш долу зударий.

— ДIабехка уьш! Варийлаш, дIа ма бахийталаш милици схьакхаччалц! — мохь хьоькхура Кесирас. Амма Борза тIетаьIIина дуьхьала тийсалуш вара, чано жIаьлеш санна, шен тI****талурш дIаса а лестош.

— Лолита, собар дехьа! Хьо дIа хIунда йоьду? — шена гучух кхета ца туьгура безамо хьере винарг. Ура-атталла цкъа цунна тIаьхьа вада а вуьйлира иза. Амма хухуртахойн божарий оьгIазбаханчух тера дара цунна. Минот ялале иза ченалахь Iуьллуш а вара, цхьаъ цуьнан хечин доьхка схьадаккха гIерташ а воллура, куьйгаш тIехьа дехкархьама.
Талорхой эшна бевллера. Такхийна юьртан клубана уллорчу керта кIел кхиссира уьш. TIeггIa стамлуш лаьттара тоба. Хийла вуьйцуш хезачу «лайн стаге» хьуьйсург хир бацара нах сел лерина, цу Iохкучаьрга санна.

— XIapa верстина ваттIа воллург — райцентрерчу даьхний
дIаоьцучу пунктан заведующичун кIант ву, — Борзина тIе пIелгаш хьежадора цхьаболчара. Дукхахберш, и хезча, сихха кхийтира Лолитина хьалха куьг бехкениг и хиларх.
— Хьий, диларийн гали, тхан Лолита езара хьуна?! — деттара цунна цIийша юьзначу юьхьа дуьхьала.

— ДIахеца, со! ДIавасга co! — велхаийзавора къайлахчу мил¬лионеран цхьаъ бен воцу доьзалхо.
— ХIумма а дац. Жимма сатоха. Набахтера ара хьайн дас воккхур вай хьо-м, ахчанах эца а эцна! — бохура цуьнга дахаран галморзахаллаш евзинчу наха.
Юьртан клубан тхевнан лабанна кIел хьулйинчу динамика чуьра схьахезара хIуьттаренна санна дека илли:
...ХIетте а, — ас дош ло-кха,
ДоттагIий,  шуна, —
И йоI ас дIаюьгур  ма ю...
...Ламанан некъашца,
Ламанан некъашца

Сихлолаш сан ловзарга шу, э-хIе-ей!
— Соьгахь расписка ма ю! Расписка ма ю соьгахь, — юх-юха а бохура некъ бухахьабаьллачу таксисто, телхинчу «пластинко» санна.
— Милицина дIагойтур ахь! — тевора иза тIехIиттина лаьттачара. Ткъа милици-м схьакхача башха сиха йолчух тера дацара. Тоба тIеттIа дебаш, юьртан майда накхармозийн венах тарйинера сийсачу адамо.

— Борза, ас хIинцца хьан дега зIе юьллу, и схьавоьхуш, — олуш цхьаъ-м лере таьIира нуц хила араваьллачунна. Хетарехь, меттигера заготовитель вара иза.
— Ца оьшу! Маггане мегар дац! Вуьйр ву цо со. Цул милици ялаехьа. Кху акхаройх маршаваккхахьа со! — дехаре велира Борза. Амма оцу меттехь, нах дIаса а таьIна, эххар а, милицин масаллин нарядан декъашхойн цIен    фуражканаш    евлира гучу.

— ХIорш буй хIорш? Кхин-м вацара кхаьрца цхьа а? Берриге а бихкиний аш? Молодцы! Бакъ бихкина! — жигарвелира участкови Лабазан. — ДIаязвел масех теш. Ткъа хIорш грузовикав ялкханна чу кхисса! — куьйгалла дора цо.

— Муха — ялкханна чу? Цкъа хьалха дIадаста тхо! Бакъо яц хьан! — мохь хьекха велира Борза. Вевзира Лабазанна районал сий-ларамечу хьаькаман кIант, оцо мелла а кIад а вира иза.

— Кхуьнан куьйгаш дIадаста а мегар ду. XIapa вайга хьалаваккхалур вац. Кхуьнан-м вала меттиг бацара, — участкан инспекторо а аьлла, Борзин куьйгаш паргIатдехира.
— ДIахецийша со! Со мича валарна кхоьру шу? Шуна вовза ма вевза со, — дехарш дора Борзас.
— Вовза-м дера вевзара тхуна хьо. Амма райотделе ца кха-чийча довлац! — оьгазваха волавелира Лабазан цуьнан эхь дацарна.
— Ца вогIу со шуьца! — сацам боллуш дIахьедира вуьшта а шех эрна нах кхардийна лоручу Борзас.

— Муха — ца вогIу, тов? — тIебирзира цунна Лолитин сий дожорна бекхам бан хьаьгна хухуртахой.

Борза цIеххьана юьстахъхьа иккхира гонна юкъара а ваьлла, вада дагахь. Амма наха сихха схьалецира. Шен ницкъ ма-ббу дуьхьала тийсалора Борза, боьха бага а етташ. Цхьана хенахь цIеххьана бетах кхеттачу тIаранан тата делира. Лабазанан коьртара фуражка, ткъех метр дIаяхана, гIapгIaнaн гаьннах дIаоллаелира. Iадийча санна, дIатийра массо. Участкан инспекторан цхьа бесни, помидор санна, цIийелира.

— ДIавехка! ДIавехка! ДIавехка! — дийкира майданахь. Кестта Борзин элдара дегI колхозан тишачу «газикан» ялкханна чохь Iуьллуш дара. Я хIумма а кIеда    а яцара и Iуьллу меттиг.

Гонахарчу божабераша, хьаьлхина дахана, гIуркх беана, гIap-тIанан гона тIера милицин фуражка чу а йожийна, Iедалан тоба райцентрехьа дIайолаелира. ЦIогане хIоьттина, гIийла йоьдура хьалха хиъна кхин стаг волу такси.
— Бакъ! — тIаьхьа  мохь туьйхира зударех цхьамма.
— Дикка дайлур ду хIинца Бексултанов Iалиханан киса, — жамI дира цхьана жимачу стага.
— И тIapa цо тоьхнехьара... — кхоьссира кхин цхьамма, башха къона воцчо.
Цу суьртах Iаба а Iаьбна, малх лома тIехьа лахбелира. ДIасадоха доладелира адам. Цу хенахь схьакхаьчна, нахе хиллачун хьокъехь хеттарш дан велира цхьа жима стаг:
— Лолитина хIумма а-м ца хилла? Лаза-м ца йина? ЦIахь ю-те, я больнице йигна? Ткъа и йовсар лаьцний? — бохуш.
И жима стаг Руслан вара.



«ДIадерзалур ма дара и. И тIара дацахьара... Лабазанца тIeкаре ян езара. Дита там бар цо шена кхетта тIара...» — элира селхана воккхахчу Бексултановга «районан масштабан» жоьпаллечу цхьана хьаькамо.
«Цкъеллиг-цкъа! Муха хIоьтти хьо соьга «взятка» хьахо?! Наха-х вуьшта а бу, ахь со эца там бара, бохуш, шабарш деш», — дуьхьалвелира тахана Iуьйранна Лабазан, оцо воьхна а хьовзийтира Iалихан. Цунна ца хаьара, тIехIоьттинчу чолхечу хьолехь ша хIун дича бакъахьа дара.

«Стеган ши зил бу адамаш шен аьлларе дерзо, — ойла йора къайлахчу миллионере — Цу шиннах цхьаъ — йолаца уьш эцар бу. ШоллагIниг —кхерор! Дехаршций, «аллахI-уччашций» кху заманахь хIумма а далур дац. Дахаро даима хьоьхург цхьаъ ду — хьуо кхеравеллехь а, кхеравеллийла цахаийтар. Цундела, хьалхарниг ца нисделча, хIинца кхеро веза иза. Амма — муха?!»
Кестта цу белхан план хIоттийра цо.

* * *

Делкъан хенахь Лабазанан цIийнан кевнехь йоккха машен сецира, цемент кхоьхьу дуо а тIехь.
— ХIей, нах! ЦIахь дуй шу? — кхайкхира шофер. Мохь беттарг мила ву, хьажа, Лабазанан зуда елира ара.

— Хьо юй участковичун Лабазанан зуда? — хаьттира веанчо.
— Ю, — жоп делира вукхо.
— Хьан майрачо, цемент я, аьллера соьга. Мичхьа яссае ас xIapa?
— Суна-м ма ца хаьа, — йоьхна хьаьвзира зуда. — Соьга хIумма а ма ца аьллера цо.
— Ткъа ша мичахь ву иза?
— Балхахь ву-кх.

— ХIета цхьа чоь я paгIyн кIело паргIатъяккхал. XIapa юха дIахьойла-х даций, — шоферо а аьлла, Iедалхочун зуда рагIуна кIелара жима чоь яссо йолаелира.
— Кхуза охьахеца ахь, — гайтира цо, ша мехтиг кечйина яьлча.
Цемент охьа а йоьхкина, цемент кхоьхьучу машенан шофер шен бехк эцна прокурорана тIе вахара. Цемент йохьуш вогIypa ша. «аьррухьа» яхийта, амма Лабазан цIе йолчу участкан инепекторо, ша уголовни гIуллакх долор ду, аьлла, кхера а вина, цемент шен керта охьаяссаяйти шега, бохуш. Участковичуьнца цхьаьна таIзар такха кийча хуьлуш, байттамаллин дешнаш тIe а туьйхира тIаккха.

Дерриг а эцнера Iалихана тидаме. Уггаре кег-мерса хIуманаш а хьесапех луьттуш. Чулерира Лабазан, цIенош дан гIерташ, це¬мент лоьхуш хилар. Цемент кхоьхьучу машенан шоферна теттина ахча делира. Хан а нийсаниг хаьржира: «алиби» чIагIъян йиш: йоцуш, цхьанна а гур воцчу метте лийча ваханера Лабазан. Цхьа хIума дара дицделларг: Лабазанан сурт ца гайтинера цо шо¬ферна.

Дукха хан ялале шена милицин кхечу белхалошца цхьаьна хьалхахIоттийна Лабазан вовза, аьлча, воьхначу шоферо кхин етаг гайтира — паспортийн стоьлан начальник. Питанча гучувелира. Амма, ша кхочушъеш хилла участковичунна «дискредитации» яран план хьан хIоттийна яра, дийца, хIуъа дича а, реза ца хилира иза. Делахь-xIeтa, Лабазанна-м и дика хууш дара, цо ша хIотто йолийра миллионер а, хьарамча а волу Бексултанов Iалихан Iораваккхаран план.

Х-гIa КОРТА

Ша дуьненахь даьккхинчу шовзткъе шина шара чохь цкъа а лайна дацара Iалавдис хIинцачуьнга кхочуш син Iазап. «Шурпан яц, цхьа шайтIа ду!» — огIазъоьхура зуда езаелла суьпахо. Хаа ма хаьара цунна, шаьш тодечу божална уллошха юьйлуш, сел эвхьазчу боларца дIаса и хIунда лела. Хаьара ша хьаго гIертийла... Амма кхуо везачу далла делла дош чIогIа дара.

Цу дехачу маьлхан дийнан йохалла Шурпан ялхазза елира божална уллохула. Цо Iалавдин кийрахь динарг! Ткъа мел хала дара кху мисканна накъостийн шега беламе, Iиттаре хьийсар лан! Бакъду, барта схьа xIapa-иза ала-м ца хIуьттура уьш. Хаьара шайн накъостан кхехкачу синкхетамо цуьнга шайна муьлххачу минотехь а диг ластадайта тарлойла.
Амма хIинца цхьаъ-м хийцаделира Iалавдин дог-ойланехь. Цхьана къайленах-м кхетча санна, юьхь цIеххьана серлаелира цуьнан. Цо шен коьрта тIехула хьалаайдина диг хIаваэхь цIеххьана сацаделира. Накъостий вовшашка хьаьвсира.
— Ахь хIун до, Iалавди? — меллаша хаьттира Iеласолтас, шегара у лаьтта охьа а дохуьйтуш.
— ТIаьхьа дуьйцур ду ас, — меттавеара Iалавди.

 * * *

— Суна хаьа дан дезарг! — элира Iалавдис Iеласолте сарахь, шаьш цIа даьхкича.
— ХIун? — хаьттира Iеласолтас, къамел Шурпанан хьокъехь хирг хиларх цуьрриг шек а воцуш.
— Яло воллу со и! — меллаша, амма дика къаьсташ элира Iалавдис.
— Муха — «яло воллу»? ЦIахь цхьаъ йолуш ма ю хьан, ворхI бер а долуш! — ца кхийтира Iеласолта.
— Ас иза вай кхузахь долчу ханна ялор ю. ЦIа доьлхуш — юьтур ю. Ванн Iедалехь иза къилахь ма дац.
Минотехь ойла еш Iийра Iеласолта.
— Ткъа зуда ялош хилча, ловзар дан а ма деза?!
— Ой, дийр ду-кх тIаккха ловзар а. Сарахь, гул а делла, цхьа уьстагI дIабоккхур бу. Ас къаьркъа а оьцур ду, эшахь...
— ТIаккха ша ду! — иркарвелира Iеласолта. — И бакъахьа хир ду. Ткъа маца яло воллу хьо зуда?

— Тахана яло а мегар ду. Я кхана.
— Тахана-м тIаьхьо дара. Кханналц собар дер вай. Шурпане тахханехь хаийта мегар ду.
Жимма тIаьхьа ерриг бригадо дийцаре дира Iалавдис юьхьарлаьцнарг. Цхьа а ца хилира дуьхьала. Бригадир волчу Мутуша цхьамма балийра юкъа цхьа хийцам:
— Айхьа яла ма- йиннехь, юьххьехь дуьйна дIахаийта деза цо вайна кхача латто безийла а, чоьнаш цIанъяр цунна тIехь дуйла а. Ткъа ловзар — и дика дагадеана. Иза вуно бегIийла бахьана ду порраббий, десятниккий чукхайкха.

Ирсе вара Iалавди, шен гIуллакх сел дика дIанислуш.
Кхиъна яьлла а, шен лаамехь а, дагадеанарг кхочушдан кийча а йолу Шурпан, шега дIахьахошшехь, реза хилира захалонна. Бакъду, и шега мелла а тIаьхьо бен хьахор дац, бохуш-м Iийнера иза. Цундела цо лаккхара мах хадийра кавказхочун оьздангаллин: кхуьнца цкъа хьалха экама юкъаметтигаш лоьхуш а ца воллуш, сихха ма кховдийра цуьнга вукхо шен куьггий, доггий...

— Заявлени хIинцца яздо вайша, я кхана яздийр ду? — эхье хаьттира Шурпана, Iеласолтица Iалавди, шайгара дIавоьдуш, ринжех арахьа волавелча.
— ХIун заявлени? — кхеравелира Iалавди.
— Юьртасовете...
— ХIан-хIа! Ца оьшу цхьа а заявлени! — тохавелира Iалавди.
— Муха — «ца оьшу»? — шеко хьаьдира Шурпанан кийра. — Заявлени ца яздича, регистраци йийр ма яц вайшинна.

— Моллина тIе гIyp ду вайшиъ. Вайшиннан мах моллас бан беза. Ишта ду тхан Iедалехь!
— Делахь, хIуна луъург дийр ду-кх, — реза хилира тIегIоьртинчун ирсо тентагъяьккхина Шурпан. Амма цу минотехь царах цхьанна а дага а ца деара, молла мичхьа каро веза, бохург. И хаттар шен ерриг а ираллехь шоллагIчу сарахь хIаьттира, Клав¬дий, Шурпанний оцу делан лаамна хьалха хIоьттича.

— Тхан кхузахь дукха хан ю захалонаш молланаша чIагIдеш доцу, — элира Шурпана.
— Со бусалба ву! Моллас пурба ца делча, сан бакъо яц хьох хьакхавала! — дIахаийтира къонахчо.
«Кхо кIира хьалха моллин лаамца уьдуш вара, тов, хьо, сила йолу xIapa кхоалгIа отделени а Iадийна, зудчунна тIаьхьа?» — дагадеара Iеласолтина, ткъа барта цо хаьттира:
— Ван а вуй хьовха вайн отделенехь цкъа мукъана а КъорIан буйна эцна стаг?
— By цхьа акхсакхал... Белларш дIабохка гIo до цо, — элира Шурпана. — БургIунай цIе а йолуш. XIapa вай юьхьарлаьцна гIуллакх а хир дацара-те цунна девзаш?
— И цуьнга хатта деза. Цига гIop вай! — хьалагIаьттира Iеласолта. Кхуьй а эвлан йистехьа дIадоладелира.
— Ни-ни-ни-ни-и! — дуьхьала куьйгаш ластийра БургIунайс, ша корта баккха хьовзийча санна. — Иза ас деш дац. Велларг дIаверзаво ас. XIapa суна хаац. Ни-ни-ни-и!
Iалавдий, Шурпан вовшашка хьаьжира.

— Ой, xIapa сихха чекхдаккхалуш хIума ма ду! — дехаре хьаьжира БургIунайга Iалавди, кисанара ши туьман пхи сом схьа а доккхуш. Хаъал кIадвелира БургIунай. ХIинца куьйгаш, дуь¬ хьала ца лестош, дега тIе дехкира цо:
— Ей бох, ас цкъа а дина ма   дац иза! Юьртасоветехь до и!
— Хьалха-м дина хир дацара ахь и, хIинца цкъа дехьа! — дехарш дора Iалавдис БургIунайга. — Нохчийн цхьана кицано а ма боху: «Муьлххачу хIуманан а цхьа юьхь хуьлу». Воккхачу стеган ши бIаьрг шеконо дIасаидабора.

— Ни-ни-ни! И дойла яц! Дина вац со иштаниг. Ца хаьа сунна. Сан дена хаьара, амма иза велла. ХIинца цхьанна а ца хаьа.
— Ой, хIумма а ца хууш-х ваций хьо? — аз айдира Iеласолтас.
— Стаг валарца дерг хаьа. «Умирал» хаьа...
— Умирал ца оьшу тхуна!  «Умирал» хила    хьалхе ду тхуна
хIинца а. Валар-висар хилахь а, хьо кхойкхур ву оха. «Жениться» бохург дехьа тхуна цкъачунна. «Умирал» эшац! — велхха воллура Iалавди. Кисанара схьадаьккхина, вукху кехатах дIатуьйхира цо аьрру куьйгахь кхин цхьа шина туьманан пхеа соьман кехат. БургIунай волчунна тIе а воьхнера. — Дойла яц, ца хаьа суна... — дуьхьало йора воккхачу стага. Цуьнан беса бIаьргаш гIеххьа тIунбеллера.
— Цхьа а тайна книжкаш юй хьан бусалбан динах лаьцна? — цхьаъ-м коьрте деара Iеласолтина.

— Ю «мало-мало».
— ТIаккха цаьрга хьажахьа. Цхьаъ кароза    вуьсур вац хьо!
— Дац царна тIехь. Хьежна со.
— ХIинца ларий хьажал хьо!
БургIунай цхьана минотана, ша хIун дича бакъахьа ду, ца хууш висира.
— Дика ду. Хьажа воьду со, — олуш, зуда магош, олу дешнаш лаха ваханехь а, я ша готта хьовзийнчу къонахех паргIатвалархьама ваханехь а, чувахара воккха стаг.
Цу минотехь Iалавдина дагадеара шайн цIахь кхехка жижиггий, стоьла тIехь лаьтта шишанашший.
— XIapa-а, Iеласолта!
— ХIун бах ахь?
— Сихха вайн цIа кхетахьа.
— Лаа?
— Цхьа-ши шиша къаьркъий, жижиггий дахьа.

— ХIинццехь! — хазахийтира шен накъостан план тайначу Iеласолтина. Хьаьдда вахана, суьпа дешнаш лаха ваханчу БypгIyнайл хьалха вуха а веара иза.
— И чохь волччуьра, вайшиъ a гIo чу. XIapa а эций, — ши-шанашкахьа корта тесира Iалавдис. — Да воккхавеван хIумма а карор ма дац цунна!
Боккъалла а нийсо езаш стаг ша хиларе терра, Iаьрбийн йозанаш тIехь долу тептарш кегош воллура БургIунай. Меллаша цун¬на улло охьалахвелира ши накъост.
ЦIенкъа юккъе истанга тIе дIасанисйира Iеласолтас ша еанарг. ДIасахьаьжна, стака карийна, дуьззина чу малар доьттира.

— БургIунай, бехк ма биллалахь, и дешнаш кху хьолехь хьуна каро хала хилар хууш ду. Жимма цхьа таро йича, бакъахьа ма хир дара, — аьлла, воккхачу стаге стака дIакховдийра цо тIаккха. БургIунайна цхьацца aгIopa казахийн къепехь, когаш чуччу
а бохкуш, охьахиъна Iачу шина къонахчунна а, неIарехь лаьттачу Шурпанна а шера хаьара шаьш деанчу гIуллакхан аьтто дукха хьолахь хIинца оцу стаканах бозуш хилар. Цо и дIамалахь — гIуллакх хилла даьлла лара мегар дара, ца малахь — доьхна лара а. Цундела мел хазахийтира царна, мел цецбевлира уьш, БургIунайс, уггаре «ас-со» боху зоьртала къонах а хьагор волчу эшшара айина, «элхьам» алале стака дасоийча! Иза а — шена хьалхара къайленех дуьззинчу могIанашна тIера бIаьрг дIа ца боккхуш, тIекхалла хIума ца йоьхуш! Я цул тIаьхьа балдех куьг а ма ца хьаькхира къеначу БургIунайс.

Хьеший вовшашка хьаьвссинчохь бисира. «ХIумма а ледара-м вац!» — бохура церан бIаьргаша. Iалавдис, Iеласолтас а яьккхира цхьацца бIе дIа. Нускал Шурпан, бехкала яхана, ца молуш IаддаIийра.

— БIаьргаш кIадбелла. ХIумма а схьа ца лацало, — юьстаха диллира БургIунайс ша луьсту жайна. Амма, ша и ваьштатухуш, цу юкъа билгало йиллира цо. Ши накъост кхийтира цо хIинца а и шайна оьшу меттиг лоьхург хиларх.

Сахьт гергга хан яьккхира цара шуьнехь. Дисина малар дерриг а БургIунайга дIахудийтннера хьешаша, цундела ура-атталла ши дош вовшах ца тохалучу хьола тIе ваьллера хIусаман да.
Цхьа хан яьллачу хенахь, дехьа чуьра неI а еллаелла, чукъедира цхьа Iаьржа, мохо мерцина, оьгIазе, горга, хIумма а къона йоцу юьхь. Цу юьхьо схьабохуш хIумма а дацара, амма, поэташа ма-баххара, бIаьргийн хьажар дешнел маьIне дара. И юьхь-сибат БургIунайн хIусамненан долу куц а дара, цо хьоьхург — катоьхина кех довлар.
ХIинццехь къаста дезара дерриг а.

Жимма а хьем бахь, тIейогIу буьйса сингаттамечу цхьаллехь ца яьккхича, ца волура Iа-авди, цундела, БургIунайна хьалха гор а воьжна, юьстаха йиллина къайленийн книжка цуьнан буйна йоьллира цо.
Меттахъхьан ца хIуттуш Iapa воккха стаг. ТIаккха, Iалавдис бIаьца а йина, цунна улло гор лахъелира Шурпан а.

— Ешал!. — дийриг дехар ду я омра ду, къаьстар доцуш, вистхилира Iалавди. БургIунай цхьаъ деша гIоьртира.
— ХIинца хаттал соьга!
— ХIун хатта, бах ахь? — ца кхийтира БургIунай.
— Суна Шурпан сайн дола яккха лаьий, алий хатта! ХIинца кхийтира  БургIунай.
— Хьайн лаамехь ялош юй ахь Шурпан? — хаьттира цо.
— Ю! — жоп делира Iалавдис. — ХIинца цуьнга а хаттал! Шурпана а жоп делира: «Ю», — аьлла.

Ша араволуш, къевллина мара воьллира Iалавдис БургIунай. Цо дина гIуллакх цкъа а диц ца дан дош а делира, амма, дукха воккхаверна, шен кечдина шишша туьманан пхиппа соьман ши кехат дIадала-м дицдира.

Къона шиъ цIа даре хьоьжуш Iаш бара тойнан стоьле хевшина «Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделенера уггаре беза хье¬ший. Массарал а лараме хьаша хетара ша Шурпанан доттагIчунна Фроськина. ЧIогIа тIекаре, эхь-бехке, меттигерчу туьканахь хуьлу тоьлла IатIарш диттина, пударш хьекхна Iачу Фроськин дагахь дара, тховса ца эцахь а, герггарчу цхьана сарахь Iеласолтас а Iалавдих масал оьцург хилар. «Амма тхойшиннан ловзар кхул токхей, къегиний хир ду. Иза охашимма, кхузахь ца деш, тхан цIахь а дийр ду!» — бохура цо ша-шега.

Цунначул башха кIезиг бацара Раисиний, цуьнан майрачунна Степанний кхочу ларам а. Степанна тIехь сийна, костюм, логах оьллииа галстук, когахь можа пазаташ а, цIена босоножкаш а яра. Раиса, малик санна, кIайн дуьйхина яра.
Тойнан стоьлехь иштта веза-воккха Iapa прораббий, десятниккий.
Шинне а дика хаьара Кавказера баьхкинчу кху бозбуунчаша шайн АллахIаначул лоре доIанаш шаьшшинна дойла, цундела цу стоьлехь шаьшшиннал веза стаг а ца гора цу шинна.
Жижигах доьттина даккхий кедаш лаьттара стоьла тIехь, тесех тера а долуш. Дезачу денна лерина жижиган дааршна тайп-тайпана чемаш луш, шина тайпана берамаш бара кечбина: хохийниггий, саьрамсекхийниггий.

Бусалбан Iедалехь вовшахтоьхна шиъ а кхечира чу, эххар а. Массеран а чIогIа самукъа а делира. Керла мар, зудий эхь-бехке хьаьвзира:
— Шу ма тийна Iа? Яалаш, малалаш! — бохуш.
— Цкъа хьалха цхьа хIума, билгалдаккхий вай: xIapa ловзар казахийниг ду, оьрсийниг ду я нохчийниг ду? — ах забаре вела а къежна, хаьттира прораба. Оцу тамашийначу хаттаро жимма бохийна, чуьранаш гIеххьа ойлане бевлира.
— Нагахь xIapa нохчийниг делахь, нуц эккхо а, нус неIаре хIотто а еза! — элира Куршаба.

— И хIунда деш ду? — хаа лиира прорабана.
— Дера ду, и шиъ вуьшта а ирсе долу дела! Стоьле ца хаийтарх!
Бегашан барам цу дешнашкахь мел бу, ца кхетта цхьа Шурпан йоцург, массо а гIадбахана белабелира.

— Алик, схьаволахьа, — олуш, шегахьа дIаозийна, шена улло стоьлан коьрте охьахаийра цо мар.
— Ванна ма-гарра, нохчийн ловзар ца хилла дели кхунах, — Куршаба а аьлла, юха а массо велавелира.
— Ткъа муьлха хIоттадо вай ловзар? — тен ца туьгура про¬раб. — Казахийниг я оьрсийниг?

— Комсомольцийн-кегийрхойн ловзар до вай! — вистхилира Мутуш. ГIуллакх цхьалхаделира.
— Делахь-хIета, кедаш дузур вай! — реза хилира прораб. Цхьабосса массара а кедаш дуьзира.

«Горько» («къаьхьа ду») бохург стаканаш кхоалгIа дассинначул тIаьхьа деара дага. ТIех самукъадаларна, Iеласолтин бIаьргех хи даьллера. Куршаб, Мутуш а вара доггах воьлуш, кест-кеста Раисе безамца хьежар вовшашна геч а дина. «Горько» боху дош мосазза дека, безамна комаьршачу Шурпана, шен дерстинчу, беркатечу куьйгашца оза, Iаьржа корта тIеозабой, кавказхочун декъачу, шогачу балдашна оба олуш, тIаьхь-тIаьхьа мIиздуьйлуш схьадогIура ловзар.

— БIе туьма лур дара-кх ас, xIapa сурт вайн махкахошна — хухуртахошна гуш хилийта! — олура Куршаба.
— Дийцарх — тешар бац! — гIадъоьхура Мутуш. Белар иккхина, ша волч;чохь вегон Iеласолта хIумма а ала доьналлехь вацара.
Фроська ца кхетара кавказхой тахана сел самукъадаьлла хиларан бахьанах. «Кхарна хIун тайна кхунах, тан мукъана а? — ойла йора цо. — Деллахьа, ма хаза хIума а карийна!..» Жимма Iийна, Iеласолтин лере а таьIна:     —  Бакъ къонахаша ишта до хьуна! — элира цо.
— ХIаъ, Iалавди ван а ву бакъ джигит! — сихха жоп делира Iеласолтас.
— Ткъа хьо? — цецъелира Фроська.
— Со а ву, — даре дира Iеласолтас.
— Дера ван а ма ву, — балда саттийра Фроськас. — Велахьа-ра-м, ахь хьалхарчу буссехь дехна хир дара соьга хьайга яр.

— Доьхур ду, доьхур ду, — тейора и сакъераделлачу доттагIчо.
— ХIун доьхур ду? — духе гIертара Фрося.
— Хьуна луъург доьхур ду-кх!
— ХIета, кханнехь юьртасовете а дахана, куьйгаш таIо деза вайшимма. Ткъа тховса кхин ма мала. ЦIа кхочучу хьолехь хир вац хьо.
— Мича цIа? ЦIахь вац со? — хаьттира Iеласолтас, дIаса а хьожуш. ТIаккха, охьатаьIна, маьнги кIел хьаьжира иза. Шен карданан сема гича синтеме вистхилира: — Зуда, со хIунда кхерош ву ахь? Мелла хиларх, со ца кхеташ ву-м ца моьтту хьуна? ЦIахь ма ву со. XIapa ма ю сан карданан сема а!

— Оцу хьайн карданан семанца цхьаьна тахана дуьйна дIа со йолчохь Iийр ву хьо! — дIахьедира Фроськас дуьхьало ца ловчу озаца. Цу дешнаша хIусаман кхерчан йовхо а, цхьана а хIуманца юсталур йоцу зудчун экамалла а кхарстийра вухаваллаза висинчу къонахчун даг чу. ХIинццехь цу йовхонан, экамаллин олалле ша дIавала сацам а бира цо.
— Вайшимма а де

 —Ца оьшу. ТIаьхьа дер вай и. Ткъа хIинца хелхадалий вайша. — магнитофонна гергахьа дIаозийра и вукхо. Map-мара а хваьрчина, Нохч-ГIалгIайчоьнан хьокъалчу артистан Кабзон Иосифан башхачу озан эшарехь дIасатехка делира ший а.
Мутуш, Куршаб цIеначу хIонехь садаIа аравелира. Исбаьхьа Раиса йиц а йолуьйтуш, самукъадаьккхинера цу шиннан тховсалерчу ловзаро. Вуьшта лаа а ца лаьара царна мостагIаллица xIaра хаза ловзар талхо. Оьздангаллехь къовсавалар бен, кхин дисина хIума дацара цу шинна хIинца цкъа.

— Доьзал бохор дика хIума дац, — элира Мутуша, боккха
баьккхина цигаьрканан кIур чу а тухуш.
— Нийса бах ахь, — тIетайра Куршаб.

— Степан я хIумма а вон стаг а вац, — элира Мутуша.
— Бакъ къонах ву. Цунна ямартло яр нийса хир дацара, — жоп делира Куршаба.
— Ме;ран зуда тIеерзо гIертар къилахь а ма дуьйцу. Дика xIyма дац иза, — бохура бригадире.
— Бакъ ву хьо. Мел чIогIа хиларх, шен синхаамаш совцалуш хила веза боьрша стаг, — тIетовра завмаг хилларг.
— Доьзал — уггаре суьпа хIума ду вайн юкъараллехь. Доьзалехь бен хилац стаг вуьззина ирсе. Доьзалехь бен дассадац цо шен дог, далхадац шена новкъадеанарг. Гергарчу адамца бен, бах ас.

— О-о, ма бакъ ву-кх хьо, Мутуш! Аьшпех, шалхонех даьккхинчу кху дуьненахь тахана дисина цхьа маслаIат бен дан а дац — доьзалан кхерч бен! Доккха йовсар хила деза и маслаIат дохо гIоьртург, цу кхерчана ямартло ян гIоьртург.
— Цхьа бер мукъана делахьара, чIагIлур яра Степанан, Раисан доьзалера уьйраш, — дакъалацаре бохура Мутуша, екхначу седарчийн стигала лаккха хьала а хьоьжуш.
— Нийса бах ахь. Ноналлехь ду зудчун ирс. Бераш доцу доь¬зал — орамаш доцу дитт ду.
— Цундела ву-кхи со, сайга царна хIун гIo далур дара-те, бохуш, ойланаш еш. Ирс деддачу нахана гIo дан ма деза.
Цу дешнашкахь цхьа къ

— И гIo дан ма гIерталахь! — вусавелира иза. — И гIо-м хьаъа а дийр дара! Цулла а бер доцчу хьайн зудчунна де гIо! Цхьана аьхка мукъана цIахь а саций. Хьайх тера цхьа гIоьнча Хухуртахь хьайна а валахь, хIун дан воллу хьо?
— И хIун ду ахь дуьйцург?! ХIун ду хьуна дагадеанарг?! — дарвелла, ша волччохь вегавелира шен сирлачу ойланех юкъахваьккхина Мутуш. — МоттаргIане «торгаш»! «Торгаш» хила а хилла хьо, велла дIаваллалц «торгаш» вуьсур а ву хьо! Чохь бехделла цициг санна, туьканара аракхоьссинехь а!

— Хьо санна, «бичеша» клизма йина-м вац хьуна со! — дуьхьала мохь хьаькхира Куршаба. Кхето тарлучех цуьнан багара тIаьххьара девлла дешнаш уьш дара. Кхиссаяла, ека евлира белаш, ведариш, яйш. Буьрса тасавеллачу Мутуший, Куршабий тIе-кIелдетта, дIасалесто, хIаллакдан долийра дуьхьала мел нислург дерриг а. Кхерабелла хьеший арахьаьлхира. Цхьабосса серладевлира лулахойн кораш.

Совца, xIай! ХIун ду аш лелориг?! Шу хIинццехь совца ца совцахь, оха наряд дIакъовлур яц шуна! — мохь беттара воьхна хьийзачу прорабой, десятникой.
Ловзаран йисина хан вовшахъхьаьрчина шиъ теварна дIаяхара.


XI-гIa КОРТА


Наха «ирс» олуш долу хIума шен кара деана, аьлла хетара хIинца Шурпанна. Цкъачунна куьйгана хаалург эгIаза, верриг а ваьлла волу Iалавди бен вацахь а, шайн долахьчу хIусамний, берашний, чохь-тIехь оьшучунний тIера дIа дохнан биста кхаччалц долу кхин мел дерг хан заманца хирг хиларх тешара жима зуда. Яхаза ца ялахь, ура-атталла Iалавдица цхьаьна туьйранашкахь юьйцучу Кавказан къоьжачу баххьшка дIаяха а реза яра иза. И дан дезахь а аьлла, Iалавдига и цIа варе сатуьйсуш Iачу цуьнан гергарчу нахах лаьцна хеттарш дан сацам бира цо, хьаьнца хIун гергарло ду, бохуш, xIopa марзахо ша-ша а къастош.

Шайн Iойла гат а еш, цхьа чоь керлачу доьзална дIаеллера накъосташа, хIунда аьлча, Шурпанан нана йолчохь Iap Iалавдис аьттехьа а ца дитира. «Тхан халкъан Iедалехь, зудче маре ваханарг хуьлу со», — доцца хадийра кавказхочо Шурпанаца ша йоккхучу хьалхарчу буссехь. Майрачун хIуманаш схьакъастийна, тIе оьшург цIера еана, шаьшшиннан чоь жимма битаме яло дийзира зудчун.

Ша чоь юьлучу хенахь Iалавдига деана ши кехат карийра Шурпанна. Нохчийн маттахь деша ца хиира цунна, амма шина а кехата тIехь цхьа цIе-м къаьстира.
Цхьана сарахь балхара цIа веана, вуззалц хIума а йиъна, дIавижа кечлуш воллучу майрачуьнга:

— Алик, и Аружа мила ю? — хаьттира Шурпана.
— Хьуна мичара евза и цIе? — сакхвелира Iалавди, накъоста¬ша цхьаъ дийциний-те кхуьнга, бохург дагадеана.
— Бехк ма билла, лаьттара айса схьаэцначу кехата тIехь ла¬рам аза гинера суна и цIе.
«Сан зуда ю иза, ворхI беран нана ю», — аллаза висира Iалавди, амма шен хеннахь сацавелира:
— Сан йиша ю и, — олуш.
— Муха стаг ю иза? — экама хаьттира Шурпана, майрачунна улло маьнги тIе охьа а хууш.
— ХIунда бохура ахь? — ца кхийтира майра.
— Юьхь-сибатца муха ю, бохура ас-м. Хьох тера юй? Марехь юй xIapa?
— Марехь ю. И бакъ ду.
— Map мила ву кхуьнан?
— Шабашник ву-кх, хьахь-хьахь-хьахь!
— Боккъаллий? Хьанах тера ву иза?
— Сох чIогIа тера ву.

— Дика стаг вуй?
— ЧIогIа дика стаг ву. Ша и дашо стаг ву.
— Хаза вуй xIapa?
— ЧIогIа хаза ву. Со санна. Хьахь-хьахь-хьахь! — велавелира Iалавди, ша лучу жоьпашна реза хилла. Шурпан а яра, xIapa къиилалун, делах кхоьру, луьра кавказхо тховса мукъана велавалийта шен аьтто хилла, йоккхаеш.
— Кехат язде вайшимма цуьнга? — хьастаелира Шурпан, шен майрачун дакъаделлачу куьйга тIе ховха куьг а хьокхуш.
— ХIун? ХIунда? — юха а сакхвелира мар.
— Вайшиннах мар, зудий хиларх лаьцна. Вайшиннан гIуллакхаш дика хиларх лаьцна. Вайшиъ вовшийн дезарца а, бусалбанийн Iедалехь а цхьаьнакхетта хиларх лаьцна. Хьоьца цхьаьнца лслипна ца Iаш, хьан гергарчаьрца а лело ма лаьа супа гергарло. Дикачу зударша дийриг ма ду и!

Iадавдин юьхь цкъа хьалха мустъелира, тIаккха даръелира.
— Ахь хIун дей, зуда! — оьгIазе вистхилира иза. — Сан чохь супа луург бен дийр дац ахь! Ас, язде, олий — язде, ца олий —ма язде!.. Кхийтин хьо?
— Кхийти, — тийна жоп дедира кхераеллачу Шурпана. — Хьуна дика хилийта ма гIepгapa со.
— Дикий, цадикий-м хаац суна, Iaxap санна, табий Iелахь! Тийна Iе, цхьанахьахь Кавказ хилар дагара дIа а даккхий! Кхий¬тин хьо?
— Кхийти!— хазахийтира хIинца Шурпанна, шен хьоме Алик, оцу генарчу, къайленаш дукха йолчу Кавказе а ца гIерташ, гуттаренна а шеца кху тийначу кхоалгIачу отделенехь вуьсур хиларх тешна.
Цхьа минот яьлча, Кавказ дуьненахь хилар ша дицдан дезар диц а делла, Шурпанкас хаьттира:
— Алик, цу Кавказехь xIyн стоьмаш хуьлу?
— Массо тайпа а хуьлу.
 — Дийцахьа.
— Хьаьмцаш а, элхьаьмцаш а,  «шиповникаш» а...
— И «шиповникаш» бохург хIун ю, Алик?
— Нохчийн маттахь яккха бегIийла яц церан цIе. Оьрсийн маттахь «назад чисай» хуьлу царах.

— XIy-ун? Мичахь «чисай?»
— ХIоккхузахь, — олуш шен жима зуда тIеозийра Iалавдис.
— ДIахеца! Вуьш хIинцца чубогIур ма бу! Цулла а хабарш Дуьйцуш Iе вайша... Ахь цхьа хаза дуьйцу... Хьаннаш юй шун цигахь?
— Ю дера-кх.
— Ткъа акхарой?
— Уьш а ю. Дуккха а. Юьртахула а лелаш хуьлу.
— Боккъаллий? Кхера ца кхоьру шу царах?
— Кхоьру. Нохчийн мотт цахуург цу сохьта дIакхоллу. Къаьсттина дика казахийн ерстина йоI...

— ДIавалахьа, дIа! Кавказан хьо цхьа экха а тоьур дара суна-м.
— ХIун экха? — ца кхийтира Iалавди.
— Айса дIа бохура ас-м. Ткъа, алахьа, Алик, шайн гIиллакхех лаций.
— Дукха ду тхан гIиллакхаш.
— Масала?

— Зудчо майрачуьнга хIумма а ца хоьтту, ткъа майрачо шена луурр бен ца до.
—Со хьайга хIумма а хотту а йоцуш, хьо хьайна луъург дей ву, боху-кх ахь?!
— Хьекъале зуда ю хьо. Дика кхийти ас бохучух.
— Ткъа ахь цхьаъ нийса деш ца хилча, со хьо нисван яц-кх?
— Майрачо дийриг даима а ду нийса.
— Масала, хьо юха а юьртахула верзина-цIена цхьанна тIаьхьа вадахь-ий?..
— Ма е гIовгIа! — тIечевхира Iалавди, Iаьржачу бIаьргаш чохь суйнаш а сагош.
— Дика ду, дика ду. Соцу со. Деллахьа, оьгIаз ма гIолахь! Суна чIогIа ца дезало, хьо оьгIазвахча.

— Со оьгIазе вац. Дог дика ву со, — элира Iалавдис, Шурпанкина иза дика а хийтира.
— Хьомениг... — майрачун яшазчу бесни тIе куьг хьекха юьйлира зуда.
— Цыц! — Iодара велира Iалавди, дIатеттира цо зуда. — Майра зудчо хьевеш Iедал дац тхан майрачунна шена лаъалц!
— Делахь-хIета... — дегабаам бира Шурпанкас. — Дика гIиллакх ду иза-м. Цхьа феодалаш ду-кх шу.

— ХIу-ун?! — хьалаиккхира Iалавди. — Сога боху ахь и «феодал»? Со ву, тов, феодал? Хьо ю хьуна феодал! Кхин иштаниг алахь, ас юьйр ю хьо!
Шурпан кхераелира. ТIаккха, жимма меттаеана, соне охьа а хиъна, елха Iенира. Ша аьшнашвина хетара Iалавдина. Амма, и аьшнашалла стенах йоллу, ца хаьара цунна, «феодал» бохучу дешан маьIна ца довзарна. ХьалагIаьттина, йовхарш йина, Шурпане луьра бIаьрг тоьхна, бийша гIерташ бохку накъостий болчу чу вахара иза.

— ХIун, дов-м ца даьлла шун? — хаьттира бригадире. Жоп дала сих ца велира Iалавди. ТIаккха, бIаьрг а таIийна, неIарехьа корта тесира.
— ХIун хилла? — юха а хаьттира Мутуша, чухуларчу духарна цунна тIаьхьа ара а волуш.
— Феодал хьанах олу? — дуьхьала хаттар дира Iалаздис.
— Феодал — иза хьолахо ву-кх, шен долахь яккхий гIаланаш а, шортта даьхний а, латтанаш а, ялхой а болуш. Паччахье гIоьрттуш стаг ву-кх, — жоп делира Мутуша.
— Ахь боккъалла а боху? — цецвелира Iалавди.
— Боху дера-кх. Хьайн Шурпане хаттахьа, хьуо ца тешахь. Цунна хаа деза хьуна. Школехь а ма хьоьху иза.
— ХIан, дика ду хIета, — аьлла, шен чу вахара Iалавди. Шур¬пан шен кIажахь хиъна Iapa.
— ХIей, зуда, схьайоьл цкъа, — тIекхайкхира цуьнга Iалавдис, ша маьнги тIe охьа а хууш. Кхера а кхоьруш, тIееана, охьалахъелира Шурпан:
— Кхин хIун олу ахь?
— Алал цкъа, хьуна хьан дийцина, со феодал ву, бохуш?
— Цхьаммо а. Ахь айхьа ца бохура, шайн ишта гIиллакхаш ду...  шайн, божарийн, лаамехь массо а хила беза?..

— И бакъ ду. Сан да феодал хилла. Цуьнан да а хилла фео¬дал. Цуьнан а, цуьнан а, цуьнан а дай а хилла феодалаш. Ломан буьххьехь йоккха бIов хилла тхан. Шортта даьхний а хилла тхан — уьстагIйй, бежанаш, стерчий, говраш. Гонахара массо а кхоьруш Хилла тхан дедех. Зоьртала, майра феодал хилла иза. Сан зудчун да а хилла феодал. Амма иза, кулак ву, аьлла, Кавказера дIавахийтина.

— Мича зудчун? — сакхъелира Шурпан.
— Сан вешин зудчун. Аружа бохуш зуда  ю сан вешин...
— Муха — зуда?
— Зуда аьлча а, йиша ю-кх! Хьан бах хьоьга — зуда? йиша ю сан вешин, цIе Аружа а йолуш.
— ТIаккха хьан йиша а ца хуьлу цунах?
— ХIан-хIа, сан вешин йиша.. аьлча а, нийса ма боху ахь... Сан а ма ю и йиша...
— ЛадогIахьа цкъа, ма доьхна къамелаш ду ахь дийраш. ДIадийша вай. СадаIахьа хьайна, — ховха олуш, цунна юххе охьайижирара Шурпан.

 * * *

ШолгIачу дийнахь Iуьйранна, хьелий оьзна, цIа а еана, брига¬да балха дIа а хьажийна, ойланашка елира Шурпан: «Майрачо бохучунна тIехь а ца соцуш, яздича хIун дара-те ас цуьнан йише кехит? — бохуш. — Цуьнан кехаташна жоп дала а деллий хьовха Алика? Цунна цхьа дегабаам болуш вуй-те xIapa, ас барт бан оьший-те? ЧIогIа луьра ма ву xIapa, хьалхалера амалш йолуш. Ткъа кхуьнан йиша, Аружа, къона стаг хила там бу. Шена везачуьнга маре яха гIоьртина хир ю, ткъа кху йохканчас, Алика, пурба ца делла! ХIан-хIа, яздан деза ас цуьнга.    Тайта деза xIapa шиъ. ТIаьхьа Алика ша а баркалла бохур ду. Эрна ма ца хьехна сунна нанас, доьзалехь барт латториг зуда ю, бохуш. Дов а, барт а зудчуьнгара схьадогIу. Харц бу божарий, хIусамехь дерриге а шайх бен ца дозу, моттарехь...»


Оцу ойланашца кехат яздан хиира Шурпан. И кехат ишта нисделира цуьнан:
«Маршалла ду хьоьга, сан хьоме, генара, евзаш йоцу Аружа! XIapa кехат хьоьга яздийриг Шурпан ю, хьан вешин Iалавдин, я, оха ма-аллара, Аликан, зуда. Тхойшиъ вовшахкхетта дукха хан яц. Маларо а ца тоьхна тхойшиъ вовшах, безамо тоьхна. Шун, бусалбанийн, Iедалехь дина а ду охашимма иза. Суна-м чIогIа лиира тхешан ловзаргахь хьо а, шун важа гергара нах а хила.. Амма Аликана ца лиира и дан. Некъ гена    бан дезар ду, элира.
Алик а, цуьнан накъостий а дика болх беш бохку. Дика ахчанаш а оьцу. Фермехь суна лун алапа а дац вон. Аликаний, суний тоъал хуьлу.

Аружа, ша Кавказе вуха цIа вогIур вац, боху Алика, Суна хетарехь, цхьана хIуманна оьгIазвахана иза. Тешалахь сох, дика стаг ву хьуна Алик. Луьро-м ву, амма дика стаг ву. Цо-м хьоьга xIapa кехат яздар а дихкинера суна. Цкъачунна ас xIapa даийтар ма хаийталахь цунна. Ткъа вайшиннах дика ши доттагI хир ю, со доггах теша хирг хиларх. Вай массо а хаза бертахь даха деза.

Цу тIехь чекхдоккху ас xIapa сайн жима кехат. ШоллагIниг дехо яздийр ду ас. Хьайх а, шайн массеран дахарх а лаций яздехьа соьга. Ткъа гуттара хазахетар дара суна, шу тхоьга хьошалгIа даьхкича.
Аликна са ма гатде. Кхушара ца валавахь а, тIедогIучу шарахь хьала а охьа а ас валор ву шуна и Кавказе. ТIаккха вайшиъ а герггара евзар ю.
Марша Iойла. 

Аьхкенга зарзаро санна, хьан жоьпе сатуьйсу ас.
Оба олу хьуна. Шурпан».
Сихха конверта чу а диллина, даьхьна, почтин яьшки чу тесира Шурпана кехат.
Ша-шена чIогIа реза цIа а еана, цIийнан гIуллакхаш дан хIоьттира тIаккха.
* * *
ГIишлошъярхойн бригадам коьртачу декъашхошна и де а доладелира хьалхалерачех терра. Куршаббий, Мутушший, ул-уллохь болх бан, вовшашка вистхилий-м хьовха, цхьаъ важа волчу агIор-хьа дIахьажа а лууш вацара.
Самукъане а, чIогIа бертахь а къахьоьгуш воллура къона майра Iалавдий, майра хила кечлуш волу Iеласолтий. Кест-кеста вовшашка вистхуьлура и шиъ, кест-кеста вовшашна велакъежара. Юкъа-кара Куршаб я Мутуш тIе а чевхара цу шинна: «Хабарех Iаба ца кхиъна шуьшиъ? — олий. — Болх чекхбаккха дагахь ван а вуй шуьшиъ? Я Iа доккхуш саца дагахь ву?»
Iалавдис а, Iеласолтас а дегабаам ца бора. Кхехкабуьйлучу синхаамийн серлонгахь, хиндолчу даккхийчу ахчанийн серлонгахь вуно ирсе вара ший а.

Кхеташ ма-хиллара, и тайна ирс Мутушаний, Куршабаний сегийла дацара. Цу ирсан зIаьнарш Куршаба, цоьстуш хетара Мутушана, ткъа важа изза Мутуша деш хиларх тешна вара. Ший а кхетара шаьшшиннан коьрта тасавалар хьалхахь хиларх, цу тасаваларна ший а деган къайленгахь кечам беш а вара.

«Хьегийта къа. Амма эхь хуьлда, атта ахча хIинца-м ца доккху делахь!» — ойла йора Куршаба Мутушан хьокъехь. «Хьуьхьвола хьайна, «торгаш», амма ахча хьалахьокхур ахь! Сан-м тIаьхьалонна йитина шай-кай йолуш яра. Хьовсур вай, хьан планаш стенца йозу!» — Куршабан хьокъехь ойла йора Мутуша .

Наггахь, мукъачу миноташкахь я къаьсттина гIоьртинчу муьрехь, кхечу кепара ойланаш a йогIypa Мутушан коьрте: «Деллахьа, гуьйрента а ца тоьттуш, хIинццехь йоуьйтур яцара-те Кесирас соьга и шен йоI? ХIун ду тхуна новкъарло еш? Ахча a гIexхьачул долуш ду. Эшахь — тIаьхьо кхин а доккхур ду! Дерриге дIа а тесна, дIахахкавелча хIун дара-техьа?»
Куршабан коьрте а йогIура и тайпа ойланаш. Амма цо уьш сихха дIакъехкайора шех, уьш таронашца йотIуш яцарна.

ТIетаьIIина бечу балхо бохбинчу Куршабан хье чохь цу дийнахь керла, амма дукха хенахь дуьйна кхуьуш схьаеана цхьа ой¬ла сецира: «Ва нах, директорца барт а бина, цуьнга Мутуш кху отделенера эккхавайтича хIун дара-техьа? Мутушачул ас шозза сов а лур ма дара цунна. Директор тешо веза ас Мутуша и Iехош хиларх. Шайна совнаха язбечу белхашна кхечу бригадаша ял сов ло, аьлла... Ша а ишта дийр дара, аьлла...
ХIоьттинчу хьола юкъара сийлаллица вала некъ лоьхучу Му¬тушан хье чу а йоьссира керла цхьа ойла: «И Куршаб суна эша а стенна оьшу кхузахь? Бригадир волчу сан бакъо яц, тов, и балхара дIаваккха, ласттийна дIавахийта? Сихий, тешам боллушший муха дийр дара иза? Цуьнга кхочушдалун доцу гIуллакх тIедилла деза цунна. Цунах хир ду-кх и дIаваккха бахьана!»

— Куршаб! — мохь туьйхира Мутуша.
— ХIун бах ахь? — шога вистхилира важа дуьхьала.
— Бетонан оганаш оьшур ду вайна. Ткъа ога. ГIаларчу жебэка заводехь до уьш. Ас тIедуьллу хьуна, цигахь даха а даьхна, уьш кхуза, кху божала схьакхачор! Кхо де хан ю хьуна.

Куршаб цкъа юьхьанца цецвелира. Цул кIезиг цецваьлла ца висира Iалавдий, Iеласолтий а. Царах цхьа а кхеташ вацара, евзаш йоцчу гIала а вахана, бина барт а боцуш, яха а яьхна, хийла тоннаш хир йолу и коьчалш цхьана стага схьа    муха кхачо еза.
Хууш дара массарна а совхозан куьйгалло цу оганашна заявка хIинца а дIаелла а цахилар. Амма Куршабан юьхьа тIехь хьалха хилла цецвалар сихха цхьана мекарчу велакъажарца хийцаделира. «XIapa ду-кх совхозан куьйгаллина сайн вовшахтохараллин корматалла гайта бахьана! — элира цо шен дагахь. — Чуьйраш текхахь а, ас къеггина чекхйоккхур ю хьуна xIapa операци-м, кху «Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделенин къерсигдаьллачу лаьттана цкъеллиг-цкъа гина воцчу кепара сайх бригадир хир вуйла а хоуьйтуш!»
Дуьхьала дош ца дохьуш, малхехь дохделлачу черми чуьрачу хица куьйгаш а дилина, тIера бедарш хийца шайн цIийнехьа дIаволавелира Куршаб.

— Ахь-м, туькана цигаьркаш эца хьажош санна, ма эли цуьнга иза, — ца Iавелира Iалавди.
— Дерриге а ас цхьамма дан деза, хIунда моьтту шуна? Вайн юкъяра гIуллакх ма ду xIapa. Веса вухаван хьажа-кх, тIаккха и дIа ца ваьккхича вер вац со! — мохь хьаькхира бригадиро.
Дуттуш лаьттачу божална гонахара xIo цхьа дазделла, вон хетаделира. Меллаша текха евлира миноташ.


     *  *  *

— Школа дIаеллар тIаьхьадуьсуш лаьтта, алий кехат а, аьчгабетонан ткъа оганна заявка а кечъел жебэка заводе дIаяла! — олуш, совхозан директоран кабинета чу иккхира Куршаб.
— И хIун ду ахь дуьйцург? Хьо мила ву? ХIун школа? — ца кхийтира Кхаймаспурпур КхайгIызбекович.
— Божална экъанаш оьшу. Политикан дуьхьа хьахош ю шко¬ла. Сихха, кху минотехь кехаташ а, кхо бIе сом сан чоьта тIе ахча а лол! Со Куршаб ву! Кавказхо! КхоалгIачу отделенера гIишлошъярхо!

Кавказхочун озалуш вацаро гIеххьа вохийнчу директоре ша волчу чу коьрта бухгалтер схьакхайкхира. ХIокху гIуллакхаллечу стага бохург дерриге а кхочушдар дийхира цуьнга.
...КIиранан де дара. КхоалгIачу отделенина тIехула тийна делкъе лаьттара. Мукъачу дийнан тем цхьана а хIумано ца талхабора. ЦIеххьана некъан агIорхьара цкъа хьалха къорра, тIаккха тIеттIа чIагIлуш схьахезира нуьцкъалчу моторийн гIовгIа.
«Ялта чудерзо йогIуш бIаьн машенаш ю», — бохура вовшашка кхоалгIачу отделенин къеначу бахархоша. Амма иза бакъ хиларх шеконаш кхоллаелира, цIен, можан басарш хьаькхна зоьртала машенаш гучу ма-евллинехь.

Кху меттигашкахь цкъа а хезна йоцчу кепара йоккха яьлла гIовгIа тIeттIa есташ йогIура. ХIоранна тIехь йиъ-йиъ йоккха аьчгабетонан экъа а йолуш, тIаьхьий-хьалхий зоьртала кхо «Ка¬маз» юьйлира юьртах чу. Царна тIаьхьахIоьттина йогIура хIумма а царал жима йоцу кирауьйу онда кран. Хьалхарчу машенан кабини чохь курра Iapa мексиканцийн шуьйра шляпа а коьртахь Кавказан воI.

Доллучух кхетта Iалавдий, Iеласолтий воккхавийна а ца волура. Мутуш а лаамаза велакъежира. «Хьий, шайтIа яI! — иккхира цуьнан багах. — «Торгаш» — «торгаш» вуьсур ву даима а. ХIуъа дина а, яхаза ца Iий!»
Накъостийн екхаелла яххьаш гина, Куршаб кIадвелира. Юьхьанца шех бригадир ван йина чIагIо дIа а херйина, «визита-ца» директор волчу ца воьдуш Iийра иза.
Дуккха а долу «дар-дацарш» Мутуш а цунна а гечдира. Йоццачу ханна юха а машаран мур беара цу шинна юккъе.


ХХ-гIа КОРТА


Шей жимачу, тамехьчу цIийнан арахьарчу гонна кира тухуш йоллура жоьраяьлла Iен Кебила, цIийза ринжа а доьллуш, керта участкови Лабазан волуш.
—Ирсе хуьлда хьан кху кертахь яхар, Кебила! — маршалла хаьттира хьешо.
—Ой, Лабазан, хьо вац и?! Баркалла, — эхь-бехке хьаьвзира хIинца а къена йоцу Кебила. — Со хIинцца охьаюссу хьуна кху лам-н тIера.
—Ца оьшу охьайосса. Цхьа жимо гIуллакх дара сан хьоьца.
—ХIумма а дац, башха сихо йолуш хIума дац ас дийриг, — олуш, лаътта йоьссира зуда. — Чай хIоттаде ас хьуна?

—Хьашт дац. Баркалла. Сан цхьана хаттарна жоп лохьа, Кебила: хьайн гомаш мича яьхьна ахь?
—ХIун бохура ахь? Гомашший? ХIун гомаш? — забаренна доцуш цецъелира жеро.
—Стохка хьайн гомаш ца хилла, ала-м ца гIерта хьо? — кхи-дIа а шен уьшаре къамел дора участковичо. — Билггал хаьий* хьуна хьайн и хилла яцар?
Миска жеро, йолчунна тIе а йоьхна, дIасахьежа елира, цхьалхачу шена гIo-орца лоьхуш санна. Цхьа а ган а ца гина, шен юьхьа тIе куьг хьаькхира цо, цу тIехь киран кIайн тача а дуьтуш.

—Ткъа хьан боху, сан гомаш хилла? — ларлуш, хаьттира Кебилас, участкан инспектор эрна вогIур вацара, аьлла хеташ.
—ХIун бен ду, баьхча а, ца баьхча а? Жоп лол ахь, яра хьан стохка гомаш я яцара?
—Суна-м х-хаац... — дегийра жерочун аз. — С-стохка цхьа нисделла шинар-м делла сан. И д-дуй-те госстрахехь, гомаш ю, аьлла дIаяздинарг? Ц-цара яздийр м-ма ду хIуъа а. Ас д-дехарш ма д-динера, хIуъа дай а, с-сайн и жимма мукъана а меттахIоттадахьара, б-бохуш. ТIаккха почтехула шийтта туьма а даийтира суна... Хьанна хаьа, гомашашна бен, вукху бежанашна ахча хоьцуш ца хилла хила а ма мега царна... Ткъа кехаташ тIехь ца хуьлуш xIун дуьсур ду...

— Цу тIехь бакъо ю хьо. ХIун дуьсу кехаташ тIехь ца нислуш! Цундела хIинца нийсса жоп лол суна: стохка заготпункте гомаш дIаеллерий ахь? — хIинца дуьххьалдIа хIоттийра участковичо шен хаттар, луьра зудчун бIаьра а хьожуш.
—Мича заготпункте? — ши бIаьрг ида белира вукхуьнан. —Вайн районан заготпункте!
—ХIан-хIа, сайна дага а догIуш-м...

—ХIун «сайна дага а догIуш» юьйцу ахь? Айхьа стохка лелийнарг дага а ца догIуш ю хьо? — оьгIазваха волавелира участкови.
—Деллахьа, ура-атталла айса кIира хьалха динарш а дицлой ма юьсу хьуна со-м наггахь, — тохаелира жеро. — КIира хьалха ду-кх ас кира туху щетка эцна, ткъа хIинца и айса йиллина меттиг дагайогIуш а яц-кх. Гой хьуна, кху тишачу щеткица бетташ йоллу-кх кира.
—ЛадогIал цкъа, хIай, зуда! Гомаш — иза щетка ма яц! Го¬маш — иза хьайба ду, хIумма а жима а доцуш. Iаьржа, месала, хьайба, мамонте гIоьрттуш. Мамонт хIун ю, хаьий хьуна? Гиний хьуна цкъа а мамонт?

—Цу делан возаллор, гина ма яц суна иза! Дела ву-кх теш,суна и гина цахиларан!
—Пийл  мукъана гиний хьуна? Телевизорехула а?
—Пийл, боху ахь? И цхьа беха марш берггий? Гина, моьтту суна...
—Далла бу хастам... ХIун дуьйцура вай?.. Тьфу! Деллахьа, зуда, ахь-м, цIенчу новкъа, тилор ву стаг! Юьхьа дуьххьала алал схьа, йоьхкинерий ахь стохка базарахь гомаш? Аьлча а, базарахь, боху ас... заготскоте, даьхний дIаоьцучу пункте дIаеллерий ахь? Сихха лол жоп. Кхин а бу сан хеттарш дан деза нах шортта!

—Делахь-xIeтa, кхечаьрга хеттаряI а дина, со Iадъюьтур яцара-те ахь? — дийхира Кебилас.
Цхьана минотана ойлане ваьлла лаьттира Лабазан. ТIаккха, шен хье жимма лартк беана аьлла хетча, доккха са а даьккхина, карладаьккхира цо шен хаттар:
— Кебила, хьомсарниг, инспекторе санна а ца олуш, хьайн геннарчу марзахочуьнга санна цхьаъ алахьа соьга: йоьхкира ахь стохка заготпунктана гомаш я ца  йоьхкира?
Эсалчу дашо шен Iаткъам бира цхьалхачу зудчун синхаамечу дагна.
— Со сайн лаамехь ехачу кху ткъе пхеа шарахь сан гомаш хилла а-м яц... — жоп делира цо.
— Ткъа дийнна сахьт хан хIунда яйийти ахь вайшинга эрна?! — оьгIазвахара участкови. — Сихха схьаяздел хIета хьайн цкъа а гомаш хилла яцаран хьокъехь!
—Яз стенна деш ду иза? — юьхьа тIехь хийцаелира Кебила.
—Дан дезаш ду иза ишта.


— Милицина. Талламна. Суьдана.
— Лабазан, хьо дика а вай, ма хьийзаехьа со! Ас хIинцца цхьа бога бIараш а дохьур дара хьуна.
— Ца оьшу суна хьан цхьа а бога а!
— Делахь, ас кулоька чохь дохьу хьуна.
— Кулоьк а ца оьшу.
— Ас ах гали а дохьур ду-кх хьуна, суо уьш схьалахьийна яълча...
— Ва и хIун ду, Кебила, ахь дуьйцург? ХIун бIараш дуьйцу ахь? Ас хьоьга хоьттург гомаш ма ю.

— ХIун гомаш?
— Ахь заготпунктана йоьхкинарг.
— Ца йоьхкина ас-м.
— Дера йоьхкина.
— Ма ца йоьхкина...
— ХIан-хIа, йоь-хкина!
— Мичара? Сан хилла а ма яц и.
— Дера хилла! Тхуна дерриг а хууш ду хьуна!
— Делахь, лулахошка хаттий вай?
— Хоттур ду, хьаханор!
— Делахь цаьрга доьлху вай я уьш кхуза схьакхойкху?
— Стоп! Собар де. Лулахой стенна кхойкхуш бу?
— Тоьшаллина. Гомаш сан хилла а яцар чIагIдайта.
— ЧIагI стенна дойтуш ду и? Тьфу! Юха а тилий-кха ахь со, хIай, зуда! Суна сайна оьшург а ма ду ахь и йоьхкина цахилар чIагIдар. Хьада, кехат а дай, схьаяздел дерриг а. Аьлча а, стоп! Кехат соьгахь долуш ду. ХIан, и кехат ду хьуна, xIapa ручка а. ДIаязде!
— ХIун язде ас?
— Айхьа гомаш йоьхкина яц, алий!
—Лабазан,    хьомсараниг,    девешица    дагаяьлча    хIун дара-те со?
— ХIунда йолуш ю хьо цуьнца дага?
— Дегабаам бо цо суна, ас, шега а ца хоттуш, цхьаъ дахь. Ткъа дагаялахь, чIогIа реза а хуьлу. XIapa гIуллакх мух-мухха а Долчех ма дац. Гомашца доьзна ма ду. Цхьана хьашт доцчу агIop дерзахь, суна мичара карор ду гомаш эццал ахча?
— Ахча ас лур ду хьуна! Ас! Ас! Хезий хьуна? Язде сихха ке¬хат! — участковичун аз дегийра. Цуьнан бIаьргаша, горг а белла, рерам оьхьура.

— Стенна? Ца оьшу суна хьан ахча! Ткъе пхиъ шо ду со цхьа Iаш йолу, я цкъа а цхьаьнгге а кепек ахча а ца дехна. Колхозан фермехь хьанала доккхург а тоьу суна. Бакъду,    хрусталь я кузаш-м дац сан, амма айса балхахь доккху рицкъа тоьу. Мерза юу, пapггIaг юьжу, нехан хьакъ оьшуш а яц! Ма хьежа соьга, caгIa доьхучуьнга санна. Со цхьаннах а хьогу, моьтту хьуна? Бакъду, доьзалца дерг-м ца нисдели суна, амма хIинцалерчу доьзалех хIумма а хьега-м ца хьоьгу.

Бераш — дай-наношна беккъа цхьа бала бу. Мел даккхийдийра тхо, сан накъостан кIанта Рус¬лана институт чекхйоккхуш. ХIинцца, мала а мелла, бердах вахана, боху. Халла кIелхьараваьккхина. Куллах а тасавелла, кхозучуьра. Суна хIун оьшу и тайпа гIaйгIa-бала? Ткъа вайн некъаш тIехь масане ле аварешкахь. Ткъа зудабераш мел телхина? ХIан-xIa, xIapa дуьне цхьалха даар гIоле ду. Супа тIе ма чехалахь хьо. Цхьалха елахь а, сайн сий лардеш схьайогIу хьуна со. Баха а хIун боху ахь соьга? Цул спекулянташ, къайлаха ял оьцурш леца гIyo хьо, уьш шортта карор бу хьуна. Кху юьртахь а цхьаьна. Уш хьайна ца гун кеп хIиттайо ахь-м. Жим-тIама хIума южу хир ю...

ХIинца кест-кеста дIасахьежа велира Лабазан, мискачу зудчун маьхьаро нах гулбарна кхеравелла. Цуьнан ирсана, цхьа а ца велира гучу. Эсала, тийна-таьIна хилира участкови.
— Ас-м ца боху, Кебила, хьуна хIума оьшу. Мелххо а воккхаве-кха, вайн юьртахь хьо тайпа эхь-бехке, хьанала стаг йолуш. Хьо санна белара кхиберш а! Со-м хьуна цхьа дика дан лууш лелара. Хьуна хьакъ ма дара и. Нийса ца бах ас? Хьуна лаахь, ас сарахь вайн чуьраниг йоуьйтур ю хьуна, ахьар дохьуш.

— ХIай-хIай, ишта хилал хьо. Хьуна ца хаьа, Кебилушка, тхан
болх мел хала бу. Дахар-м книгаша ма-дуьйццу даций. Масала, къу лоцу ахь. И лаца хала ма дац, тешалахь сох. Амма угаре халаниг тIаккха долало. Ткъа оцу сгага дина къола цхьана председателан я директорин лаамда дина делахь? Цу тIе, и ди¬ректор я председатель — лараме стаг а хилахь, лакхахь шен цхьа «месала куьг» а долуш? Ахь таллам болабо, ткъа хьоьга хьаькамо олу: «Ва Лабазан, хьо мича гIерта, хIай? Балхах воха-м ца гIepта хьо?» Ткъа суна лаа ма ца лаьа сайн балхах воха. Доьзал кхаба ма деза сан. ГIуллакх-м дижа ма дуьжуьйтий ахь, амма ахь хьайгара далийтина гIалат диц ма ца дой вукхара. Геч а ца до цара хьуна и. Ишта гIалаташ ахь хьалха а дийлийтинехь-м — муххале а. Масала, базарахь спекулянтка лаьцна ахь. Милицин отделене схьаялийна. Ткъа цигарчу дежурничун бIаьргаш хье тIе бовла безий хьуна. Вист а ца хилалуш висина-кх. Цхьаъ-м ала гIерта, ткъа мотт карча тигац. Эххар а, са чу вогIий, юьстах а


воккхий, вехьа а вехьаш, вистхуьлу хьоьга: «Лабазан, — олий, —
дакъаза ма вала хьо, делаI, ахь динарг! Айхьа сацийнарг мила ю, хаьий хьуна?! Райисполкоман председателан стуннана ма ю и!!!» ХIаъ, дера и тайпа чорда гIалаташ дукха ма дийлийтина ас сайгара къона волчу хенахь. Амма хIинца  Iемина, дерригенах а воьлла. Къар а велла. Балхара дIа ца волуш схьавогIу, наха: «И доьду жIаьла — Лабазан органашкара эккхийна бохийца», — аьн долу дела. Хьанна луур ду шех и тайна къамелаш дайта? Зудчо лорур вац со тIаккха. Айса а лорур вац суо. ХIинца цкъачунна-м xIapa хорма яра суна тIехь, кхин хIумма а ца хилча а. XIapa тапча а ю. Цхьа хатI ма хетало. Ткъа балхара дIаваккхахь, хорма а ма ю дIайоккхур. Тапча а цхьаьна. ТIаккха ураатталла салам а ма лур дац наха соьга...

Лабазан бIаьргех хи даллаза висира. Цунах къахетта, догдуьйхира Кебилин. Ша меттаеана яьлча, чайнан стака мала чувийхира цо иза. Амма хIинца — гIиллакхна доцуш, боккъалла а цунах къа а хетта.
 — ХIинца цкъа йиш яц
 сан. Баркалла, — жоп делира Лабазана, кисанара схьадаьккхина, йовлакх бIаьргех а хьокхуш.
— Лабазан, алахьа, и кхеторан кехат хьуна стенна оьшу? —хаьттира Кебилас.
— Заготскотерчу Iалиханан кIанта, Борзас, нахана а гуш, тоха ма тоьхна суна. Кхетий хьо?
— ХIаъ, хIаъ хезна суна.
— Ткъа сан цунна изза дан йиш яцара. Аьлча а, йиш-м дера яра, бакъо яцара-кх. Отделене дIавигира ас и. Ткъа и Iалихан боху йовсар цкъа хьалха со ахчанца эца гIоьртира, тIаккха кхин тешнабехк бира. Ша-м и евзаш йолу жуьйлик ма юй! ХIинца, эххар а, и ораваккха воллу со. Сан буйна цхьа квитанцеш нисделла шина шарахь заготскоте дIаделлачу дохнан хьокъехь. Цу декъа боьлхуш вайн юьртара цхьаболу заготовительш а бу... Квитанцешлахь цхьаъ ду, стохка октябрехь ахь ворхI бIе ткъе кхойтта соьмах цхьайтта кепеках заготскоте гомаш дIаелла, бохуш. Цунна оьшура суна хьоьгара кхеторан кехат.
ХIинца кхийтира Кебила дерригенах. Цуьнан бIаьргаш серлабевлира, кхето халачу елакъажарехь сеттира бат.

— Юьххьехь дуьйна хIунда ца олура ахь соьга ишта? — иркаръолира-иза. —Вайн Хухуртара заготовитель а ву, бахкх ахь, цу юкъа вогIуш? Сан майрачун, аьлча а, майра хиллачун, зудчун шича ма ву иза. Хьий, кхунна хила неIалт! Дитийтал соьга царна иза хIинца! Гомаш суна тIе а язйина, ворхI бIе ткъе кхойтта сом хьалакхоьссинийца! Ткъа соьга «бур-бур» аьлла багах а ца даькхина! Суна-м эша а ма цаоьшурий цаьрца декъа яха, ткъа баркалла а ма ца аьлла! Ас дуьтур-м дац хьуна царна иза. Со цхьа Iаш йолу зуда хилча, соьца хIуъ, а а чекхдер ду, моьттина-кхи царна! ХIан-хIа! Iехаделла шу! Суна бехк била цхьа а вац. Со-м, хьаханор, ю дерригенал лекха сий лоруш...
Стоп, стоп, Кебила! Хьайн делан дуьхьа, де собар! И дерриге а суна дика хууш ду хьуна. ХIинца, хьо ас бохучух кхетта хилча, и «объяснительны» а лой, дIавахийтахьа со.
— ХIан-хIа, лур яц!

— ХIундий?
— Иштта!
— ХIунда, алахьа, хьомсара Кебилушка?
— Iалиханан хьешин дукха бу. Берриге хьаькамаш шен кисанахь латтабо цо. Цундела хьо цунна хIумма а дан а ваьхьар вац. Айхьа ца бохура ахь хIинцца, хьуо Iемина ваьллий, хьайиа тапчанах вала ца лаьий?
— Иза тахханалц дерг ма дара! ХIинца кхйн а чIогIа кхетта со. Къийсам цхьаъ вужучу тIе баьлла!

— ТIаккха а ца ло-кх ас.
— Ва хIунда?
— Ахь цуьнгара взятка цо кIезиг кховдийна дела ца эцна. Ткъа хIинца, xIapa Iала-гIожа а гIаттийна, мелла а юьзна гуьмалк яккха гIерта.
— Делах ца кхоьру хьо, Кебила?! ХIун ду ахь дуьйцург? Хьай¬на гур ма ду хьуна, ас xIapa гIуллакх дуьжуьйту я ца дуьжуьйту.
— ХIетте а ца ло-кх ас. Ас айса дийр ду уггаре лекхачу хьаькамашка арз. Айса бухкуьйтур бу ас и йовсарш чу!
— Ой, со а ву-кх и дан гIерташ. Делахь, бертахь де вайшимма ваьш дийриг? Цхьаьна атта ма хир ду вайшинна. Мухха велахь а, милицехь болх беш а, жимма хьуначул сов хууш а веца со.

Кебила ойланашка елира. Цхьа къайлаха хIилла дуй-те шеца лелош, бохуш, ойла йора цо. ТIаккха, жимма елха а озийна:
— Лабазан, — элира, — ахь хIун дей, суна хала ма хетийталахь. Зуда ма ю со, суо йисина а йолуш. Ткъа хIун дуьту наха цхьалхачу зудчух кхоллаза? И кхузткъе итт туьма даций суна оьшург-м, оцу боьхачу хIуманна бекхам бар дай. Ткъа заготовительна вон хилахь, мелла хилла а, и вон цуьнан гергарчу зудчун-на а хир ду. Ткъа коьрта дерг — хуур-х дай цу лаьхьанна шена бекхам бинарг со хилар! Дукха тийсинера ас кху аьттоне са. ГIори-гIоддах хьолахь xIapa гIуллакх дIа!
— Шек ма хилалахь хьайна! — ха
захийтира Лабазанна. — Кхин цхьаъ а ду хьуна: Цара xIapa дерриге а лерина-дуьстина схьадохьуш а ду. Хьо цхьалха, орцахвала да воцуш стаг хилча, хьуна шаьш хIуъа бозбуунчаллаш лело мегар ду, бохуш Iийна уьш. Ткъа вай иза иштта цахилар дIахаийта деза! XIapa хIун ду, дан а? Тахана хьуна тIе гомаш язйина, ткъа кхана дийнна бала язбийр бу, тIаьхьа Iу а тосуш!
— ХIун Iу вуьйцу ахь? Хьо хIун ала гIерта? — юлаелира Ке¬била, озийна тоьпан лаг санна, хада кийча мерз санна. Лагийна сирник а карахь тоьпан молханан шелигна улло нисвелча санна, Лабазан а висира вогIавеллачохь.
— ХIуъа а дийр долуш ма ю и гаурш, Кебилушка, — хьаставелира участкан инспектор. — Хьо чIурамал цIена хиларе хьуьй-сур бац. Мел цIена, мел сийлахьа стаг шайн авантюри юкъа озор волуш бу. Цундела церан зуламаш кхачо хан тIекхаьчна. Язъехьа, Кебила, и «объяснительни».

— И дойла дац, — хезна, участкови дог гIелдаллаза висира. БIаьргаш чу бода хьаьдира цунна, когаш кIелара латта дедда, моттаделира. Ткъа Кебилас дийхира: — Суна яздан ца хаьа, Лабазан, ахь язъехьа и, ас куьг таIор ду хьуна.
— Дахаран ницкъ бухабеара участковичун дегIе. Цхьа вуно боккха чхар а гихь ша цхьана инзаре лекхачу лома буьххье валарца жоьпаллечу зерах чекхваьллачул башха ца хетара цунна хIинца. Сихха кхеторан кехат а яздина, цу тIе Кебиле куьг а таIадайтина, дIавахара иза.

— ДIадалаза даьхни тIе яздинчу висинчу ялхийттангара и кехааш даха дикка атта хилира цунна. Де суьйренга лестинчу хенахь Лабазанехь тоьшаллийн кехатех юьззина папка яра. Цо кхача еззачу дIакхачо декхар дара Буксултанов Iалиханан гIepa.


XII-гIa КОРТА


Малхбузехьарчу ломах схьадижинчу IиндагIан тIомо дIахьулйира Хухурта. Дехачу дийнан йохалла кIадбелла малх юха а оцу ялсаманин маьIиган Iодика еш хилар дара иза. XIopa хIусамехь хIинца а дуьйцуш дара шел хаза хIума хуьлийла доцу Лолита яддоза йисаран хьокъехь, ткъа почто кхачочу керлачу хаамашка ладегIар дикка лахделлера. Амма болуш бу ламанан ярташкахь цхьа ша-тайпа зударий — нахалахь эхь-бехке, дийнна шерашкахь шайн майранашкара хаамаш кхачаре хьуьйсуш Iан кийча, амма хаам хьебаларо шайн гатден са а, я и кхачаро шайна хилла кхаъ а цхьана а адаме хоуьйтур боцуш.

Ишта болу зударий шайн майранашца дукха хьолахь махарчий лелош а, ура-атталла девне а хуьлу, ткъа уьш цIера бевлча, мел шайн къаьстина Iер дахдаларх, царна тешаме хилла буьсуш а, шайн дегнашкара синхааман йовха цIе дIа ца йойтуш а хуьлу. Царах яра Iалавдин зуда Аружа а. Цундела кхеташ ду, мел хазахийтира цунна, шега генарчу Казахстанера кехат кхаьчча.


—Iалавдина ворхI бер дина а, законехь цуьнан зуда а йолу Аружа ша дешначух кхета ца кхийтира. Цхьана кхечуьнга язди¬на, кхечуьнга деана кехат хийтира цунна ша дешнарг. Амма кон¬верта тIехь дерг цуьнан адрес дара. Цул совнаха, шен, Iалавдин цIераш хьехош хиларо а хьоьхура цунна и кехат шеца, хIуъа елахь а, цхьа юкъаметтиг йогIуш хилар. «XIapa хIун ду, дан мукъана а? ХIун Шурпан, хIун зуда? Мича Iалавдин, хIун йиша? ХIунда йоьдуш ю цига со?» Ойланех, хьирчина, уьйриг хилира Уьшта а гIайгIанех буьззина болчу тешамечу зудчун коьрта чохь. Цхьаъ хийтира цунна кхеташ: ларамаза деана дацара и кехат! Йоьхна, хьераялла йоллучу цо, яха а яхана, шен мардена дийшиpa и. Дезткъе итт шара чу вирзина Iалавдин   да    луьрий, делах тешашший стаг вара.

 Забарш езаш а вацара.
— Цхьаъ-м хиллачух тера ду цигахь, — хьекъале вистхилира иза. — ТIаьхьа гергаранаш бахийта беза цунна. Важа сан ши ва¬ша вохуьйтур ву — Муртаз-Iелий, Гайрбеккий! Ткъа хьо берашна тIе гIo. Са а ма гатде. Цхьамма бегаш бина хьоьца. Ша вахийтинчуьра нийсса цIа. ца богIучех, хьаха, вац Iалавди-м. Цуьнга шега-м эр дацара ас ишта. Ткъа хьо дIаяло, са а ца гатдеш. Далла бу хастам, вайга, иза дийна вац я, божалахь йихкина латтон харцахьара старгIа санна, чохь валлош ву, аьлла хаам ца беана. Амин! — олуш, шен нилхлуш йогIучу къоьжачу можах куьйгаш хьаькхира воккхачу стага.

     * * *

Муртаз-Iелех дукха хан йоццуш хиллера колхозан пенсионер. XIopa баттахь бapxI-бapxI туьма а оьцуш, оцунах воккха а веш, вехаш вара иза. Оццу колхозехь къахьоьгуш яра цуьнан зуда а, ши-кхо шо даьлча иштта пенсе а ер йолуш. Доьзалехь xIapa ду аьлла гIaйгIa бан хIумма а цахиларе терра (церан цхьаъ бен йоцу йоIлуларчу юьртахь дика ехаш а, ветеринарехь марехь а яра), Муртаз-Iелас башха халахетар доцуш тIеийцира ша Казах¬стане хьажор. Къанлуш йогIучу зудчуьнца виллина цIахь Iap гIеххьа кIордийнера цунна. «Вахана, кхечу мехкашка бIаьрг а тухуш, жимма садоIур ас», — аьлла ойла йира цо.
Гайрбек Муртаз-Iелал иттех шо воккха вара. Билггал шен мел хан ю, цунна шена а ца хаьара, декенера ша хьаьжкIашна шолгIа асар дечу хенахь вина хиларан хьокъехь хазар доцург.

Муртаз-IелагIарна вешел башха хеташ вацарехь а, Гайрбек церан геннара гергарло долуш стаг вара. Новкъахь цул дика накъост а хир вацара. ЦIа-кхерч а доцуш, даима ваьлла лела Iемина а вара иза. Олуш ма-хиллара, дала делларг дууш, буьйса тIаьхьакхиъинчохь вижар-гIаттар хуьлуш. Хухуртахоша, шаьш машенахь тIенисделча, тIехаавой, мичча aгIop а дIавуьгура иза, стента ваха араваьлла, ца хоьттуш. Царна дика хаьара, цунна, мичча вахча а, бен-башха доцийла. Миччахь а дан шортта гIуллакхаш хуьлура цуьнан.
XIopa ловзаргахь, xIopa велларг дIаверзочохь, массо базаршкахь, гуламашкахь, кхеташонашкахь хила ларавора Гайрбек.

Районам хьаькамаша шайн цхьа гIулла«х, кхочуш ца деш, хье-дан долийча, юьртахоша даима а Гайрбеке доьхура гIo-накъосталла.
ДIадаханчу- шарахь дара-кх, йоккхачу стеган Узулпатан етт а белла, госстрахе) цунна страхованин ахча ца луш. XIopa дийнахь воьдуш, кхаа кIиранах лийлира  Гайрбек    госстрахав хьаькамна тIе. Корта хьере а хилла, вукхо, цкъа   даийтина ца Iаш, и ахча бохам хиллачу зудчунна шозза даийтталц.
Доцца аьлча, хийла хIуманаш гина а, лайна а, мало ца евзаш а стаг вара Гайрбек, ткъа Муртаз-Iелина ишта некъахо эша а оьшура.

Денош довха латтахь а, ши ламанхо деза-доккхачу гIуллакхе воьдург вухалуччу кепара вухавелира. Шинненна а тIехь кительш, галпеш йолу хечеш, комсоставан эткаш, коьртахь нохчийн куйнаш дара, тоьллачу холхазех дина.

Гергарчара цу шинна некъана вовшахтуьйхира дакъийна уьстагIан жижиг, кхехкийна хIоаш моз, кхин мел дерг. Ткъа Iалавдин зудчо Аружас галнашца цхьаьна дийнна москал а еара,
И шиъ шайн майранаш болчу воьдуш хилар тIаьххьарчу сохьтехь бен ца хиъна Мутушан, Iеласолтин зударий хIайтъаьлла хьаьвзира. Дийна йоллушехь нIаьна ядийна еара хьалхарниг,  и ейтий, кечъяй лара а ца йина. ШолгIачо кхо герка чуйоьду банка юьззина тIо а, ша ехачу, сингаттамечу буьйсанашкахь йина тIергIан пазаташ а еара, эшахь а аьлла. Ткъа барта цо новкъа бовлучарна тIедиллира, шен ненавешин несан шича волчу цхьана автобазерчу шоферо, шен стунвешегахула цунна вевзачу, цуьнан маьхчица ялхийтта шо хьалха эскарехь гIуллакх диначу стаге ша цхьана завгараца вовза а вовзийтина, цуьнга карданан сема йоккхуьйтур ю, аьлла дош делла, боху кхаъ    шен майрачуьнга дIатохар.
Ши воккха стаг, вовшахтоьхначу напгIиций, дийна хьочу нIаьниций Грозне а кхачийна, вагонна чу хьалаваьккхина, дIахьажийра юьртахоша.

Кхо де-буьйса даьлча, йовхачу сарахь бензин кхоьхьучу машенахь «Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделене дIакхечира Муртаз-Iелий, Гайрбеккий. ГIишлошъярхойн цIийнан неIарехь машен а сацийна, черми тIера лаьтта восса гIo дира цу шинна шоферо.
Кхузахь цецваьлла ши хьаша тIеийцира царал кIезиг цецъяьлла хир йоцчу, стоммо хеталучу, юккъерачу шерашкарчу, юьхь-сибат хаза долчу зудчо. Иза, шуна ма-хаъара, Шурпан яра. Ши хьаша шен марзахойх вуйла хиъча, жимма йоьхно хилира нус. И шиъ чу а вехна, пеша тIe уггаре боккха яй хIоттийна, кхаа денна тоъал жижиг тесира цо цу чу.
Тоьллачу метте хаийна Муртаз-Iела, дагна там хиларца и ха¬за, нисъелла зуда тергалъеш а Гийна, Гайрбекехьа вирзина!

— XIapa зуда мила ю-те? — олуш, вистхилира, оцу хаттарца.    шаьшшиннан кортошка хьийзарг барта хьаладоккхуш.
— Дика зуда ю, — дог тешна жоп делира Гайрбека.
— Ас, яхана, хIинцца схьакхойкху уьш, — элира Шурпана цIеххьана.
— Ни нада, — вистхилира,    оьрсийн   мотт а кегбеш,   кIедачу велакъажарца Муртаз-Iела. — Хьайн гIуллакх де ахь. Шаьш цIа богIур уьш.
Гуш дара цу шинна, шайн махкахой мел хьебаларх, хуьлуш вас яцар а, хIусамненаца шецца Iар товш хилар а.
Баккхийчу нахана Шурпанка иштта эсала ела а къежна, вовшашна чIогIа реза хилла, яй кхехка болабаларе хьийса хевшира уьш.

— ХIей, женщен! — мохь туьйхира Муртаз-Iелас. — ДIо сетки чохь нIаьна ю хьуна. Яхьа а хьой, лулахойн котамех дIатохахьа и.
— ХIунда? — хаа дайра Шурпанна.
— Уллохь котам ца хилча, нIаьнин сагатло! — элира Муртаз-Iелас. Бегаш бара цо бинарг, баран Iалашо — къона зуда «лири¬кан» мукъаме яккхар а йолуш.

— Дера иза а ма ду бакъ, — ела а къежна, нIаьна ара дIахийцира Шурпана. Муртаз-Iелас, Гайрбеке а хьаьжна, бIаьрг таIийра. Зударийн дегнаш довзарца зевеллачу цуьнан и бегаш къобалбеш, кхетаре корта таIийра вукхо.
Дукха самукъадаьлла, малхбузу ламаз дан а дицделла Iapa ши воккха стаг. МаьркIажан бода къовлалуш, хIусамдай цIа кхочу хан  хиллалц и шайн дан дезар я дага а ца деара.
ЧубогIучу божаршна хьеший шайна галлац чохь уьш хилар ца хаийтира Шурпана. Чохь юкъаметте дIахIоьттина ламазаш деш ши воккха стаг гира вайн гIишлошъярхошна, тIеххула богуш сирла чиркх а болуш.

Мутуша, ша-шех ца тешаш, шен бIаьргаш хьакхийра, тIаккхий бен ца дуьйжира цуьнан багах хьалхара дош:
— Ой!.. — Цуьнан цецвалар кхин а дIадахделира: — Хухуртара Муртаз-Iелий, Гайрбек ма ву суна гург-м! Я малхо тахана корта тIех бохбар ду-те xIapa?
— Вайн делор, суна гург а ма ду изза! — даре дира Iеласолтас а.
— Ваша-а! ХIун ду хилларг? Дадина хIума-м ца хилла? — девешина улло гор вуьйжира Iалавди. Хьешаша цхьа шийла кхаъ беана, аьлла хетаделира цунна. Ламаз юкъах ца доккхуш, Муртаз-Iелас, вела а къежаш, корта ластийра. «Вохий ма хьийза. Дерриг а хила ма-деззара ду. Ламаз дина ваьлча, ас дуьйцур ду хьуна», — бохург дара цуьнан иза.
Эххар а, тIекхечира мар-мара бетталун а, могуш-паргIат хоьтту а, керланаш дуьйцу а хан. Цхьа хIума дара дийцаза дисинарг — верасаш бахкаран бахьана. Кителан хьалхарчу кисана кхевдина, паспорт схьадаьккхина, цу юкъара цхьа кехат схьаийцира Муртаз-Iелас. Хьарчорах я охьадожорах ларлуш, шен декъачу куьйга тIехь и кехат дIаса а даржийна, вистхилира воккха стаг:

— Хухурта xIapa кехат деара, — олуш. — Тхуна хаац, xIapа хьаьнгара ду а, кхуо хIун боху а. Хьан да а, сан воккхах волу ваша а волчо аьлла дац тхоьга и, Iалавди. Ткъа и цуьнга хоьттуш тхойшиъ а ца ваьллира. Коьртанит — кхуо иза ойланашка ваккхар ду. Цу бахьанехь бен хIоккхул гена схьа тхойшиъ гIертар а вацара. Гайрбекан, сан декхар хIун ду аьлча, и ду — кху кехатан дуьхе кхиар. Тхойшиъ кхуьур а ву, цу гIуллакхна хIуъа дан эшахь а, цо мел дукха хан-зама дIалоцур елахь а. Гуьйре Iаьно хуьйцу хан тIекхаччалц толлуш валла кийча ву тхойша xIapa. Ишта дуй и, Гайрбек?
— Дера ду, — корта таIийра Гайрбека.

Кхузахь мелла а хьевала лууш дара Муртаз-Iелин шен варан Iалашо гучу ца яккхар. Йоькхана латтар, Iаббалц даа жижиг хилар, бIаьра хьалха сел хаза, къона зуда хьийзар — и дерриге чIогIа товра шина воккхачу стагана. Цу шиннан цIахь дита а, делха а хIума ма дацара. Ткъа кхузахь а ца карийра цу шинна башха дала тоьхна хIума.
— ХIун кехат ду и дан мукъана? — бIаьргаш къега бевлира гIишлошъярхойн. Муртаз-Iела башха сих ца лора царна и гайта. Иза дукхе-дукха доккхачу маьIне дерзо лаьара цунна. Иза ша дIагайтича, шена тIедиллинарг ша дайдеш хетара цунна.
Муртаз-Iелина, боккъалла а, хууш дацара  кехата тIехь дерг. Цо шен хьесапехь латтадора иза милицерачу, прокуратурерачу я суьдерачу баккхийчу хьаька машкара хила тардалар а. Мухха делахь, а шен дагахь дозалла а дора цо сел жоьпалле гIуллакх ше¬на тIедилларх а, ша и сийлалица хIинца кхочушдеш хиларх а.

— И кехат муха    кхаьчна    Хухурта? — хаьттира Муртаз-Iеле и шега схьадеха ца хIуттуш.
— Сан воккхах волчу вашас,  Iалавдин дас,  аьлла дац соьга цу хьокъехь, — дезза жоп делира Муртаз-Iелас.

—Тхуна гайта ца тарлора-те и кехат? — ца Iавелира Куршаб.
— Дика ду. Ас хIинцца дIало шуьга иза. Амма цу тIехь дерг дIасадаржо мегар дац шуна. ХIунда аьлча, къонахий болчу нехан ма-хиллара, вайн а ма бу мостагIий, — элира Муртаз-Iелас, вуьш хьагийтарца кехат ша йоза-дешарехь а, хааршкахь а говза лоручу
бахамаллин туьканан заведу ющи хиллачуьнга дIа а кховдош.
Цкъа меллаша, тIаккха сихха кехат а дешна, масех секундехь цец вогIавелла Iийра Куршаб. ТIаккха цхьа тамашийна велакъежира, юха кIажваххана велавелира. Муртаз-Iелина ца тайра иза, амма вукхуьнан белар саца ца туьгура. Барта мегарг вист ца хилалуш, Iалавдига кехат дIакховдийра Куршаба:

— Маршалла ду хьоьга хьан йишера Аружера! Хьа-хьа-хьа!.. — олуш.
Цхьа-ши минот ялале чуьрачарча хууш дара дерриг а, арахь самукъане цIарна гонаха хьийза цхьа Шурпан йоцчарна.
Сакъераделлачу накъосташна хаа а ца делира, Iалавди араволуш. Шурпанна тIе а вахана, Iалавдис хаьттира:

— И кехат дахьийтаза ца Iийна хилла-кх хьо?!
— ХIаъ... хьоьга ала йоьллера со... Дика дан ма гIертара со... Ткъа хIун хилла?..
— ХIета, яхийта кхузара! Сан зуда яц хьо кхин! Со кхана шун цига дIавогIур ву хьо йита!
БIаьрхIийн даккхий тIадамаш охьахьаьлхира Шурпанкин шуьйра-горгачу беснеш тIехула. Дош ала, меттахъхьан ца яьхьаш лаьттара и. ТIаккха, араваьлла Мутуш а гина, цунна тIехьаьдда, тийна тийжа елира.

— Ма елха. Дерриг а шен метта дIанислур ду. Ма елха. — Алика со дIайохуьйтуш ю...
— Йохуьйтур яц. Сихвеллачохь аьлла цо. Баккхий нах дIа мабахханехь, юхаялор ю. Ткъа хьо,    боккъалла    а,    тховса буьйса яккха цIа яха еза. Хьеший бийшо меттиг ма яц вайн. Дийнахь, схьа а йогIуш, хьайн цIийнананалла леладе. Са ма гатде. Мегар дуй?
Корта таIийра Шурпана.
— Ткъа хIинца шун хIоттадехьа. БIаьрхиш дIа а даха. Хьешашна хьуо самукъане хетийталахь. ТIекаре, гIиллакхе хилалахь цаьрца. Иза хьан Аликана товр а ду хьуна, шуьшиннан барт мет¬та а хIуттур бу.
Хьешаша деанчу коьртачу хаттарна жоп дала таро хилира кегийчийн. ЦIенна Iуналла дан шаьш тIеэцна белхало йира цара Шурпанах баккхийчарна гергахь. «Дика Iуналча а-м дера ю!» — дог реза элира вукху шимма цхьабосса.


XIV-гIa КОРТА

Шаьшшинца ялийнчу кепо чIогIа оьгIазъяхийтинера Кесирий, Лолитий къизачу, нийсо ца ларъечу юкъараллина. Кесирас кест-кеста сардамаш духкура нахана, царалахь сел мекара, Iовдала, оьзда йоцу хIуманаш хиларна леткъа а леткъаш. Цуьнан чуьрайийлар де-дийне совдуьйлуш догIура, хIунда аьлча, хIинций- хIинций Iалихана. Лолита бертахь дIайига шен векалш бохкуьйту хьуна, бохуш цуьнан сатийсар цкъачунна кхочушхуьлуш дацара. Шен дагахь цо нийсса шозза аьттехьа а ца дитира схьакхийдон захало, тIаккха шен йоI цунна тIеерзо йолаелира ша а, и гIулч чIогIа санехь хилар а хьоьхуш.

Деррите а ишта хила мага а дера мегара, и Лабазанна тоьхна къацахетаре тIара ца хилча. TIex бовхачу безамо эккхийтина и Iоттабаккхам лазам боцуш бижийтарна дуьхьалбевллачех коьрта ницкъ хилла лаьттара хIинца Лабазан.

Дералла кхехкара Кесирин кийрахь. «ГIуллакхаллин» дуьненахь мел хезна долу боьха а, цIена а дешнаш тIаьхьа а туьйсуш, кхана Iуьйранна и «даьхний лечкъон жуьйлик» Iорайоккхур ма ю ша, цуьнан керта а иккхина, бохуш хуьлура цуьнан xIopa буса йижар. Амма Хухурта эсалчу малхо хьастарца цхьаьна ойла хийца а лой, хIинца мукъана бехке aгIo машаран бийцамашка яларе догдохура Кесирас юха а.

КIира даьлча цхьацца хIуманаш къаста дуьйладелира. Борза шен накъосташца цхьанна милицин отделенехь чохь воллуш а, Iалихан кхиамза и гIуллакх дерзо гIерташ, амма ша а Iораваккхаран кхерамехь а хиллера. Оцо гIеххьачул маслаIат а дира бекхамна чIогIа тIера йолчу Кесирин амална, амма, хIумма а ца деш, хуьлучуьнга юьстахара хьоьжуш Iачех яцара иза. Цо сацам бира, Лолитица цхьаьна вайн Даймехкан коьртачу гIала а яхана, шаьшшиъ жимма метта а ялош, лахлуш йогIу шен «дефицит» тIеюза.
Новкъахь дукха хенахь дуьйна шен хьаша а, «коллега» а йолу Маржан дуьхьала а кхетта, цуьнца шаьшшиннан юкъара план хIоттош яьллира Кесира.

— Москвахь МГУ-хь доьшуш ю сан йо! Элина, — бохура гIиллакхечу, хIуманна дика ка йолчу Маржана. — Нагахь товар дерриг а схьаэца аьтто ца балахь, кхузахь и лардан Лолитий. Элиний а йитина, вайша, цIа яхана, хIинца цкъа эцаделларг
доьхкина, юхайогIур  ю, йоьIарша эцнарг дIадахьа.

Август юккъе баьлла мур Москвахь а нисбелира бовхий, маьлхей.
Элиний петарехь Лолитина а хилира мукъа меттиг. Шина йоIах сихха ши доттагI хилира.
Элинин хазалла Лолитичуьнга кхочуш яцара. Амма шен тийний, кIайн, аьхний хиларца тамехь хеталора    иза,    шен сибатца цIений, хаза кечйиний, холодильника    чохь керла    компот йолий чоь дата а йоуьйтуш.

Дикачу духаро бIаьрла гойтура цуьнан дегIан куц. Ховха белшаш тIе охьайогIура боьмаша, месаш, жовхIарийн чIагарш оьхкина жима ши лерг а хьоьстуш. Цуьнан бIаьргаша дикалла хьоьхура, ткъа балдаша оба йоьхура. Цу хазаллин вастах воьллачу жимачу стагана кIорггерий, еххачу ханний езаяла езара иза. Иштаниг цуьнца нисделлачух тера а дара, хIунда аьлча, шоллагIчу дийнахь Элинас къамеле долийра столицан лаккхарчу гонашкахь дукха хан йоццуш гоьвала волавеллачу цхьана кьайленах вуьззинчу нохчичух лаьцна.
Ишта хилира иза.

Ша ханна сецначу нетарна гонахарчу кегийчу цIеноша цу дийнахь Лолитина Хухурта дагаяийтира. Цунах терра сурт цигахь а гина хийтира цунна. Мелла а керланиг ган лиъна, цо шен доттагIчуьнга хаьттира:
— Кино я кхечу цхьанахьа яха а йоьдий хьо?
— ХIан-хIа. Мамас пурба ца ло суна, университетей, туьканий доцург, кхечу меттигашка яха, — элира Элинас, ела а къежаш. — Забар йора ас. Вайн наноша лелориг ас къобалдо, ма мотталахь. Хьан дагна и тогш ца хетийла а хаьа суна. Ткъа хIун де вай, оьшург латто вешан дай ца хилча. Нахана санна, даха ма лаьа вайна а. Тхан юьртахь, масал, болх бан меттиг ца карайо. Изза вайн республикан кхечу ярташкахь а ду. Нахана бан болх хилийта гIерташ дукха бац. Аьр вай, со экономист хир йолуш ю. Суна дика хаьа, мел боккха ницкъ бу — къинхьегаман тIаьхьало! Ткъа вайн къахьега деза ницкъаш эрна бовш лаьтта. Цундела баьржина сел дукха сане леларш, вайн нанойх тера яккха хIума лоьхурш. Жимма а доьналлехь берш — арахьа белхашка лела.

ЛадугIуш Iapa Лолита, кест-кеста тIе а товш. Амма дукха хеанахь дуьйна и дерриге охьадагардан лууш хиллачу Элинина хаалора шаьшшинна юкъехь даггара дийцарна новкъарло еш цхьа шело йисар.

—Нийса ду ахь бохург, — элира Лолитас. — Мел дукха дина ас а сайн нене дехарш, ма лелахьара хьо кхерсташ, бохуш.
—Нана сацахь, ахь ма кхехьалахь и гIуллакх дIа. Сий хир долуш хIума дац хьуна иза.
—Нийса бах.
—ХIинца кинон хьокъехь. Со-м гIyp дера яра хьоьца цига. Амма, гой хьуна, телефон тоха там бу соьга.
—Телефон? Хьан?
—Цхьана стага.
—ХIа-ан, кхета со. Ас-м айса дIа хоьттура. Суна сайна а ца лаьа цхьаннахьа яха а. ЦIахь Iер вайшиъ. ДIа а таьIна.
ГIеххьа хан елира, и шиъ ишта Iаш. Лолитас шега цу стеган хьокъехь хаттаре хьоьжура Элина. Амма, вукхо хатта а ца хаьт-тина, ша цуьнга хаьттира цо:
— Цу стагах хIумма а ма ца хотту ахь?
— Мича стагах?

— Соьга телефон тоха езаш волчух.
—Ткъа хIун стаг ву и?
Лолитина дуьхьала дивана тIе охьахиира Элина, шен керлачу доттагIчо а санна, шен куц хаза когаш шена кIел а узуш.
— Ши кIира гергга хьалха «междугородки переговорни пунктехь» яра со. Ненаца къамел деха яхана. Грозница зIе тасаре хьоьжуш со уллохь Iачу кабинина хьалха лаьттара цхьа жима стаг. Безамехь вухавелла, хаза лергина корта а болуш... импортни IатIаран хьожа а етталуш. Доцца аьлча, цхьа ша-тайпа къонах. Вехха Iийра иза эхь-бехкечу хьежарца со тергалъеш. Ткъа со, къамел дина а яьлла, кабини чуьра араяьлча, цо, суна тIаьхьа а волалуш, цIеначу нохчийн маттахь хаьттира соьга:

— Йиша, хьоьга вистхила мегар дарий?
Со, кхеташ ма-хиллара, цец ма ели, вайн мотт хезча, и сел цIеххьана нисдаларо ела а къажийти со.
—ХIунда ца мега, — боху ас. — Денна кхеташ ма вац кхузахь махкахо дуьхьала.
МИМО чекх а яьккхина, Афрнкерчу цхьана пачхьалкхе-м хьажийна хиллера и балха.
— МИМО — и хIун ю? — хаьттира Лолитас.
— МИМО хIун ю, ца хаьа хьуна? Москвара халкъийн юкъаметтигийн институт ю-кх! Дуьненан массо а меттигашкахь евзаш ма ю иза-м!
— XIa-ан, хIаъ, — эхь хийтира Лолитина.
— Дуьйцуш йоллий со-м. Цу Африкерчу пачхьалкхехь цхьаъ-м Iоттаделла хилла цуьнца. Доцца аьлча, оцу неграша цхьа ямартло йина хилла цунна. Хилларг хIун дара, дийцац цо. Москва вухахьажийна, хIинца Iедалан тергонна кIелахь вехаш ву, кхузара дIасавала бакъо а йоцуш.
— Боккъаллий? Шен цIа, Нохч-ГIалгIайчу а ца вохуьйтушший?
— И ма ду и дерриге а — ца вохуьйту. Цундела лиъна хил¬лера цунна соьца вистхила, хьоме мотт хаза. Иза цIа шен хамталлаш бахьанехь ца вогIу, моьттуш ур-атталла гергарнаш, доттагIий дIабирзина цунах. Ткъа цунна лаа ма ца лаьа хIоранна дерриг а дийца, шен къабала ялхо.
Жимма соцунгIа хилла, доккха садоккхуш, Лолитин шорбелдачу бIаьргаш чу а хьаьжна, кхидIа а дуьйцура Элинас:
— Стенна делахь а, юьххьехь дуьйна сох тешам буьйлира
цуьнан. Сан бIаьргаш тешаме ца хета йиш яц, бохура.
Цу тIе кхаьчча, дивана тIера охьаиккхина, шен кIайн куьйгаш дIаса а тесна, чухула хьийза елира Элина:
— ЭхI, Лолита! Боьршачу стеган сатедан, и ша-шех тешийта, нийсачу, оьздачу гIуллакхехь и керлачу ницкъашца вула хаар — цу тIехь ду зудчун бакъдолу маьIна, «дефицитах» оьцучу дахкаделлачу оцу соьмаш тIехь дац! Оцунах хьо хьалхе мел кхийти а, хьайн дахар нийса дIахIоттор ду ахь, хьайн ирс сихахо карор ду хьуна! Ши-кхо шо хьол йоккха хир ю со, тешалахь сох, ас дукха йина хьуна цу хьокъехь ойланаш. Адаман дахаран бакъдолчу маьIнин хьокъехь. Иза — вукху стагана гIо дарца    дозу хьуна!
— Ткъа хIун ду цунна оьшург? — аз лахдеш, хаьттира Лоли¬тас. Ша а мел йоккхачу а турпалаллина доьналле хетта, иркаръяьллера иза.
.
— Ахча дага-м ца деара хьуна? — чордо юкъахъяьккхира и Элинас. Лолитин дагахь, уггаре лахара, ахчанца доьзна долу хьашташ бен хуьлийла дацар дуьхьала Iуттуш санна. Амма Ло¬литина ца хааелира доттагIчун жоьпехь цхьа а бурч. И шена хааеллехь а, оьгIаз a гIyp яцара иза, божаршна деза хIуманаш шен дегIаца долуш хилар шена зеделла даьлла дела.
Ца деара дера-кх, дуьхьалдIа цунах хьуна къа хIунда хе¬та-те — оцунах ца кхета со.
— Хьуна атта ду и тайна ойланаш ян. Ши де бен дац хьо
Нохч-ГIалгIайчуьра схьаеана. Ткъа цуьнан шен хьомечу лаьмнашка, шовданашка, хьаннашка, бошмашка хьожийла    доцу пхи шо кхоччуш доллу... Цо соьга хIун дехар дира, хаьий хьуна?   
.
— ХIун дара-те и? 
— ЦIа яхана, юхайогIуш, шена даймахкара муьлхха а цхьа тIулггий, жимма якъийна буцций, цхьа буй латтий дахьара, бохура-кх. Елххаза йисира со! Ой! Мел хала дара суна цуьнга ладегIа! Коьрта дерг, хIумма а воха ца воьхна иза, доьналлех вуьззина ву. Ша дуьйцург, вела а къежаш, кийрара бала гучу ца боккхуш, къонахаллица дуьйцу. Ткъа суна ган ма го, и мел доккхачу Iазапехь ву!
—ЦIе хIун ю цуьнан? — хаьттира Лолитас

—Артур. Артур ю цуьнан цIе.
— Тамашийна цIе ю. Тхан Хухуртахь вара    цхьа Тутур. Ар¬тур — и хезна яц суна. Ткъа зуда юй цуьнан?
—Артуран, бах ахь? Муха хир ю, яц дера-кх! Афрдакехь цунна мичара карор яра зуда?
— Африкехь, ца бохий ас-м. Кхузахь, Москвахь... 
— Кхечу къомах болчу мехкаршка дIахьажа лууша ма вац
и — и ма ду ас бохург.

—Хьоьга шена хан йиллар дехна цо?
—Ахь хIун дуьйцу? — цецъелира Элина.— Сел сиха юьллуьйту, тов, хан? Цу цхьана сарахь бен цхьаьна а ма ца хилла тхойша. Амма гIаш некъ-м бира троллейбусан пхеа социйлин йохалла! Цкъа а лелла яцара со гIашш сел гена! Сан телефонан номер а ийцира. ХIинца цо и тохаре хьоьжуш Iа со. Селхана тоьхна хила а мега, вайшиъ наной новкъа баха яханчу хенахь. Я вай туьканашкахула лелаш.
Хьуна и везавелла хилар го суна, — юьртан яхархочун йилбазалла дацарца, елакъежира Лолита.

И тайпа къонах везавала мегар а ду! — шийла, дозаялица жоп делира Элинас. ТIаккха кухни чу яхара, иза сан сайн гIуллакх ду, суна чIогIа деза гIуллакх, хьо хьайн бала боцчу ма кхийда, ала санна. Къайленех вуьззина волчу оцу Артура теле¬фон ца тохарна бен дегабаам а хаалора цуьнан леларехь.
Амма пхи минот а ялале юха чуиккхира Элина, Лолотина цкъа а хезна йоцчу эшарца ша-шен ир-кар а йохуш:
— Диц ма деллера суна. Керла кассета ма ю сам. И дIо маг¬нитофон схьаэцал. Та-ак. Латор вай...
Рок-мукъаман легамаш ловзабевлира чохь. Элина цкъа хьалха меллаша, тIаккха тIаьхь-тIаьхьа марсаюьйлуш, хелхаяла йолаелира. ТIехьаьдда, дивана тIера Лолита а озийра шеца дIа.

— Иштта! Ялал хелха! Луъучуьра, хелхаяла! Иштта! Моло¬дец! Вон ца йолу хьо-м. ХIинцца коре ухкурш ваьштаузур ю вай. ТIаккха хелхаран чинк а хьур ю! Аэробика хIун ю, хаьий хьуна? Изза хелхар ду иза а, амма — меженашна пайде а, вукхарал си¬ха а. Охьакхоссал хьайна тIера и халат!
TIeттIa къаьсташ юьйшура хье чу мукъаман галсаш. Хелхаро чIогIа самукъадаьккхинера йоьIарийн. ТIаьхь-тIаьхьа хьегар садийларца шершара Элинин бIаьргийн хьажар Лолитин инзаре хазачу дегIа тIехула. Кест-кеста самсайохура цо шен коьртехь, мехкарийн хазаллица цIе яханчу Нохч-ГIалгIайчоьнан мехкарех цхьа а вукху битамашкахь шега кхочур яцара, боху ойла.

Чекхъелира кассета. Самукъане ела а елла, вовшийн мар-марахь диванна тIе юьйжира ши йоI. Шаьшшиъ мегарг садаьIна а ялале, Элинас хаьттира:
— Ткъа хьан цхьа а вуй?
— Мила? —хаттарх ша ца кхетта кеп ялийра Лолитас.
— ТIехьийза кIант. Хухуртара кегийрхой берриге а, хьо дага а йоьхна, леш бохку хир бу?
— А-а, — бендацаре куьг ластийра Лолитас, — уьш дага а цалецар гIоле ду.
— Царах цхьа а ца веза хир ву хьуна? — юха ца йолура Элина.
Лолитин дагалецамо шех чекхбехира вайна бевзаш болу турпалхой берриге а. Амма ойла куйнашца кхачо еш хиллачу Акхболатна тIехь бен ца сецира. Дагаеара хаза хьожанаш етталун беш, нуьцкъашха шена аьлла мерза оба, боьршачу стеган сутара куьйгаш.
— Сих а ца луш, дагалацал ахь. Деррйгенан а шен раж мА ю. Дукханна луур ду хьох марзо эца. Амма оццул дукха хир бац хьо ирсе ян луурш. Делахь а, иштанаш а хуьлу хила-м. Царах верг а харжий, цунна дIалуо ахь хьуо ерриг а. Цо йийр ю хьо
ирсе.

Дог-ойла айаеллера шина йоьIан. Шуьйрра дIахIоьттинчу юьр¬тан ловзаргахь яра и шиъ ойланашца. Хьерабаьлла лоькхуш пондар, ятIо санна етташ жиргIа хезара. Мархашка дIа а нисъелла, стигалара чухьоьжуш, цIеран хелхарш Ден къонахий, неканан болapexь хьийза куц хаза мехкарий тергалбора курачу аьрзуно. Хьешийн а, юьртан бахархойн а синкъераме маьхьарий. Зударий балозачу кадечу кегийрхойн бIаьргаш мехкаршна тIе богIабелла-чуьра дIа ца бовлу. И жовхIарш ду массеран а тидам шайна тIехь латтош. Къаьсттина xIapa шиъ. Ца хуьлийла дан а дуй иза кхечу кепара ,кху шиннах цхьаъ — мехкан уггаре лоруш йолу вуз чекхъяьккхина, Iилманан да а, важа дуьххьалдIа хазачарлахь хазаниг а хилча?!.


Иштачу ловзаршкахь, синкъерамашкахь къаста безаш бу шинненан а кхоллам. Ша къовсучу даьлча, хирий-те къовсамхошлахь Артур, боху ойла йора Элинас. Гуттаренна вайна-те Акхболат, бохура Лолитин ойлано. Амма, ойланаш мухха елахь а, мехкарша Дуьйцург кхин дара. Делкъенна кечъен йолчу юурган хьокъехь дагаюьйлура и шиъ. Сарахь цхьа евзаш йолу универмаган заведующи йолчу яха а сацийра. Амма цIеххьана...

СадеIар сеццера Элинин, ша телефонна тIейоьдуш а, трубка схьаоьцуш а.
— Ю, со ю xIapa, — эхь-бехке йистхилира йоI. — ХIан, хIумма а дац. Суна хаа ма хаьа хьан гIуллакхаш дукха дуйла. ХIанxIa, дегабаам а ца бо ас-м. ХIан-хIа, тахана йиш яц сан. Хьеший бу со йолчохь. ТIаьхьа дуьйцур ду ас. Лаахь, вола. ЦIахь хир ю. Дика ду, вола.
Цхьана минотана Iадийча санна йисира Элина. ТIеяхана, куьг лецира цуьнан Лолитас:
— И вуй?
— By.
— ХIун боху?
— СхьавогIу ша, боху.
— Мича?
— Кхуза.
— ХIун дан?
— Суна хIун хаьа?
— КIант йоI йолчу цIа ван мега вайн Iедалехь?
— Вай цIахь ма дац.
— Цахиларх хIун ду? ТIаккха а дац-кх и мегаш.
— Иза ша-тайпа стаг ву, цунна мегар ду.
— Хьо лартIехь юй?!

— Ца хила а мега. Ас чу ма ца валаво и. Арахь хир ду тхойша дист. Цул тIаьхьа, сихха дIа а вохуьйтур ву.
— Бакъ бах.
— ХIун бах ас бакъ? — цIеххьана самаяьлча санна хилира Элина. — Цо сох йиша ма олу! Цхьалхха ша ма ву и кхузахь. Шех тераниг кхин ван а воцуш, кхетий хьо? Муха вуьтур ву и чу ца валош, юург ца луш, нагахь цунна чуван лаахь?! Сихо елахь! Сихо елахь! Чоь цIанъер вайшимма. Ахь чоь цIанъе, ткъа ас жижиг-галнаш кечдер. Дукха хан хир ю цунна цу дааран чам бицбелла.

Цхьаьнаметта чохь горгам хьокхуш, яй кхехкош, жижиг кхорзуш, шаьшшиъ битаме ялош йоллура ши йоI. Элиничул хIумма а лахара дацара Лолитин карзахъялар а. Цунна чIогIа лаьара столицехь доьшуш, хийла миллионаш адамашна юкъахь ехаш-Iаш йолчу студенткина сел боккха синIаткъам бина волу и кьонах ган. Чохь къайле лаьтта сингаттаме ши бIаьрг а болуш, оьзда хаза стаг хетара иза Лолитина. Кхин а хетара Лолитина, цунах схьаетталуш Африкера йовхо а, хIордел дехьара башха хьожанаш а хир ю, и велакъежча, цуьнан догучу цIечу балдашна тIехьара схьакъедаш шайл кIайн хIума хила йиш йоцу цергаш а хир ю, аьлла.
Хухуртарчу божабераша лаьцначу кхокханан санна, детталора Лолитин кийрара ховха дог. Хан-зама цкъа, эмалках тарлой, дIахьодуш, тIаккха, довхачу дийнахь хи чу йижина гомаш санна, цхьана меттехь соьцуш хетара цунна.

— Чувоьхур вац вай иза. Делахь а, гIиллакх — гIиллакх ду, нагахь санна цунна чуван лаахь, чу ца вуьтийла а дац. Цул совнаха, вешан цIенна генахь а ма ду вай. БегIийла хир дац хьошалла цадар, — юх-юха бохура шина йоI, цкъа аьлларг карла а дохуш.
Телефонан горгали бекначул тIаьхьа кхо сахьт сов хан елира. ЙоьIарий и вогIург хиларх шекбийла боьллера, амма кестта и шиъ Iачу цIенна уллохь такси сецира. Кху шиннан неIаран гор¬гали бийкира. Элина неIаpe яхара. Ара а елира.
Чохь ша йисинчу Лолитина шена неIарал арахьа хеза аз девзаш санна хийтира. TIex дика девзаш санна. Цхьа минот яьлча, зезагаш а карахь чу а веана, Лолитина хьалха дIахIоьттира хьаша. Амма, цIеххьана воха а воьхна, багах дош ца далалуш висира иза.
Вохо хьакъ доцуш вохийна дипломат Артур — Лолитнн ненан куйнашкахула бартахо хилла волу Акхболат хилира...


XV-гIa КОРТА


Кху деношкахь Лабазина ша участкови а, следователь а, про¬курор а, халкъан бекхамхо а хетара цхьаьнаметта. Даьхний дIаоьцучу пунктан заведующи Iоравохучу къизачу гайтамех юьззина йолчу цуьнан папке кху тIаьхьарчу шина кIиранах цо тIетаьIIина биначу лехамаша вуно доккха маьIна дерзийнера. Ура-атталла милицин начальник а ца xIуттуpa цуьнга, районехь хьовха, силачу республикехь а хьашт йоцу гIовгIа яккха тарлун и гIуллакх сацоран хьокъехь дехар дан.
Участковичунна «компрометаци» ярехула вовшахтоьхна шен операци чекх ца яьллачу хьалхарчу деношкахь, Бексултацов Iалихана кхоалгIа стаг вахийтира Лабазанна тIе, шегара цунна пхи бIе туьма ахча а, машар а, сийларам а хилийта дош луш. Дуьхьала кху маьIнехь жоп а хезна (вай цунна жимма редакци йо): «ДIало цуьнга xIapa къолано гулйина кехаташ, хьаштагIне воьдуш, оьшур ду, ала», —бохург, — кхин хьем ца беш, оццул кхин а тIтуьйхира Iалихана ша лун ахча.

КIира даьлча маслаIатана лучу ахчанан барам шовзткъе итт эзар соьме дIакхечира. Цхьаьнаметта оццул ахча цкъа а гина воцчу Лабазанна и схьа ца эца хала ца хилира. И шега кхийдор а бегашал башха ца хийтира цунна. «Кхин оццул пхоьазза сов а далалур дара соьга-м цунна, — дагавелира лаккхара хьаькам волчу шен накъостех цхьаьнца Бексултанов. — Амма оццул долчу ахчанца соьга xIapa дов кхул лакхара тIегIанахь а телур ду».


*  *  *
Амма гIуллакх саца ца лора. Цу гIуллакхах суьдан xIo детталора. Прокуроро дегочу куьйгаца ордер чIагIйира, суд хиллалц воккхах волу Бексултанов а сацо бакъо луш. Жимах верг, вайна ма-хаъара, кхечу гIуллакхехула чохь воллуш вара шина наркоманций, таксистаций. Хинца да а лаьцна, гуш дара иштта заготовительш олу кхин цхьамогIа нах а совцориг хилар а, цара чохь йоккху йолу хан, ерриг а вовшахтоьхча, меттигерчу уггаре къена-чу бахархоша дуьненахь яьккхинчу хене дIагIоьртург хилар а.
Даьхний дIаоьцучу пунктам заведующи кхоччуш воьхнера.


Иза дика кхетара, цунна шера хааделлера шен дилхалахьчу дегIак xIopa цуьргаца ша хIинццалц, ура-аттала ша корта хьовзийначу рогIерчу хазачу йоIаца садоIучу мерзачу миноташкахь а цхьаьна, даима ваьгнарг хIинца кхочушхуьлуш латтар. Эххар а, жимма синтеман синбилгало къедира цунна! кху бIешарахь мел яздинчу кехаташлахь а гIарадаьн долу доккха кехат яздан сацийра цо, xIoкxy я вукху кепара ша бозбуунчаллин, къоланийн халачу, бехачу некъа тIе ваккхарехь дакъа мел лаьцна баккхий хьаькамаш Iорабохуш.
Цу кеппара, тIаьххьарчу ткъе итт шарахь харц хIиттийнчу квитанцешний, ведомосташний тIе хьийзина чIагарш бен хIиттийна

доцу даьхний дIаоьцучу пунктан заведующичун куьг синкхетам тохаболуьйтучу, весетах а, кхэл ярх а терачу жанре кхевдира. Хийла кехат, хьерчош, ювстах кхиссинчул тIаьхьа (кхаа дийнахь школехь хуьлучех пхи тетрадь талхо кхиънера иза) цуьнан вовшахкхеттарг xIapa йоза дара:

«Советски Союзан Генеральни Секретаре, хьомсарчу Леонид Ильич Брежневга.
Хьомсара Леонид Ильич, районан хьаькамаша суо вааро яздойту соьга xIapa кехат, Хьан орца лоьхуш. Къамел доццуш, со бехке ву, цаьрга ладегIарна, Амма хьинца, со шийлачу набахти чохь а Iаш, цара, шашлыкаш юуш, коньякаш муьйлуш, зударшца хехкалуш, шайн сакъоьрурдуйла хааро хьере дина сан са а, дог а, корта а.

Тхан райкоманий, райисполкоманий жижигехула план ян эшча, уьш ца хьуьйсура колхозниц, совхозин ферманашкахь дохнехь доллучу къизачу хьоле. Уьш ца хьуьйсура цара пачхьалкхана дIалун даьхний, даьIахкаш бен ца хаалуш, озий, юккъерачул лахарчу дилхалаххьий хиларе. Кху тIаьххьарчу пхеа шарахь тхан колхозаший, совхозаший дIалучу бежанийн юккъера йозалла ши бIе кийлане а ца кхочу. Ткъа Iай xIopa атто лун шура цхьаъий аххий литр бен ца хуьлу. Оцу дерригенна а тхан хьаькамаша тоххарехь куьг ластийна, хIунда аьлча, колхозийн председательший, совхозийн директорший пачхьалкхана толор до, банкера ахчанаш кхуьйлуш, уьш цаьрца доькъуш.

 Планаш кхочушъярхьама, бахархойн секторна тeIa тIе, яртийн Советийн председательшна массо кепара кхерамаш а туьйсуш. Вуьш, юьртана тоьхна жижиган на¬лог ю бохуш, нахера ахчанаш а лехьош, уьш тхуна, заготовительшна, схьа ца делча ца бовлуш хуьлу. Ткъа оха оцу ахчанех Теркал дехьара а, Ставропольн крайра а, Ростовн областера а, Дагестанера а, тхан кхузарчу базарахьчул дораха долучу кхечу меттигашкара а даьхний даладо.. Жижиг яртийн бахархошна тIе яздо, и цара схьаделларг деш. Цу хьокъехь ду тхан участкови волчу Лабазана гулдина документаш. Мехашна юкъара башхалла оха вовшашлахь а, районан куьйгаллица а йоькъуш яра.

 Цу кеппара, районан лакхарчу хьаькамашна цхьаьнаметта боккха пайда хуьлура: пачхьалкхана жижиг дIадаларан план кхонуш а хуьлура, шайн баккхий доттагIий болчу бахамийн куьйгалхошкара са а южура, иштта тахханалц шаьш хьошалла лелинчу заготпунктера дика ахчанаш а кхочура.

Хьомсара Леонид Ильич! Тхуна партин райкоман хьалхара се¬кретарь воуьйтучу хенахь цу керлачу куьйгалхочун берриг а бахам жимачу газикна тIе а тарлуш хуьлу, ткъа и дIавоьдучу хенахь цунна кхо «КамАЗ» оьшуш а хуьлу. Ткъа суна хетарехь, районе богIу хьалхара секретараш хьал-бахам гулбархьама бахка безаш бацара, пачхьалкх а Iехош. Колхозниц, совхозийн эко¬номика лакхаяккха, промышленностан предприятеш ян, адамашна хьанала къахьега меттигаш хилийта бахка безара.

ХIунда бу, моьтту ьуна, тхан кхузахь сел дукха шабашникаш, спекулянташ, кхин массо тайпа къуй? Дера бу, белхаш бан меттигаш йоцу дела! Ткъа баха массарна а ма лаьа. Цу тIе, тхан кхузарчу зударша бераш дукха а до. Уьш дерриге а кхаба деза, тIe а, кога а духуш, шортта цIнош дан деза. Колхозаший, совхозаший шайн къинхьегамхошна еш хIусамаш яц. Уьш шаьш ца йича бовлац нах. Ткъа хаьий Хьуна, цхьана цIийно мел ахча ху¬ду? Нагахь Хьуна и ца хаахь, и тхан районан куьйгаллина хаа деза Хьуна. Амма цуьнан цхьана а хIуманан бала ца кхочу. Тхан хьаькамашна ахчанаш ийдан бен ца хаьа. Адамаш леш латтахь а, бен-башха хетар долуш бац уьш. Кхузара адамаш бодане, сонта, ширачу амалша хьаьшна ду, бохуш Iан атта ма ду царна. Кхуза а веана, тхан нахаца къамеле валахь, кхетар ву Хьо, уьш мел кхетаме, дахар дезаш, дика адамаш ду. Амма цхьа хIума ду царна хаа ца туьгуш: хIунда бу-те хьаькамаш сел бохкабала кийча?

Тхан районо шурин план а йо зуламечу некъаца. Наха пач¬хьалкхана дIалун шура совъяьлла луш лору. Ткъа тхан районехь кху тIаьххьарчу шерашкахь пачхьалкхана цхьа а литр шура дIаелла цхьа а стаг вац. Ткъа хIун до? Бакъ а, харц а эдой, туьканашкарий, складашкарий хьелийн даьттанан яьшканаш йоху. И даьтта, маргаринца э а дой, кхехкадо, тIаккха и талу юха пач¬хьалкхана дIадухку, лалийна даьтта ду, олий. Цунах терра бозбуунчалла леладо хIоашца   а. Туьканашкара   заготовителышкий, туьканашкий хIоаша некъаш деш меттигаш    кIезиг ца Iиттало. Наггахь — локкхаргаш хиллалц.

Нилха яц шурица колхозийн, совхозийн куьйгалхоша ен кийтарлонаш а. Яртийн коопторган туьканашкахула шура йохка ли¬мит ло царна. Шура йохкаран план кхочушйина, олий, и лимит царна чу а лору. Ткъа туьканашка кхочуш цхьа а литр шура яц. Цуьнан меттана зоотехникаша цига дIало шаьш къоланашца даьккхинчу ахчанан кIеззиг дакъа. Ишта кхобу-кх колхозаший, совхозаший меттигашкара бахархой. Массарна а гуш болчу, амма цхьабосса наха ловш болчу аьшпашца. Кхолладеллачу хьелашкахь говзанчаша а, куьйгалхоша а, могIаречу къинхьегамхоша а до шайн-шайн таронийн барамашкахь къоланаш, цундела Iа нах тапъаьлла.

И дерриге а прокурорана а, милицин начальникна а, суьдахочунна а гуш ду, амма уьш бистхуьлуш а бац цу хьокъехь. Къоланаш алсам мел дин а, алсам кхочу царна. ХIинца сой, сан цхьаъ бен воцу кIанттий чуволла хьийзош ву. Ткъа цо дина цхьа а зу¬лам дац, Хухурта олучу луларчу юьртара хьанала комсомолка яло гIортар доцург.
Хьомсара Леонид Ильич, со-м кхета, со а санна, тхешан рай¬коммий, райисполкоммий башха тIех бехке яцарх. Партин обко¬мо цаьрга йоьхург а ма яц жижиган, шурин планаш бен. Ткъа уьш муха, мича кепара йо — цхьаннан а бала а бац. Отчета тIехь лаккхара процент юй — хIан, xIapa орден, ЦIен байракх, Сийлаллин грамота ю хьуна. Терахь лахара дуй — вон ву хьо, восса гIентара, дIало и кхечунна. Ткъа и дIадала цхьанненна а ма ца лаьа. Болх цIена а, атта а бу, ахча шашаха схьаоьху массо а агIорхьара.

Ткъа хаьий Хьуна, Леонид Ильич, цхьацца кегийчу муттанаш дохучу цехашкахь мел ахчанаш доху? Тхан ламанан хинеххий, хьостанеххий-м дашо хишший, дашо хьостанашший хилла. ХIунда аьлча, и хи черми чу а доьттина, тIе жимма лимонан кислотай, масех гали шекаррий тоьхчахьана, — цу гIуртах стоьмийн мутт ма хуьлу. Бахкабалийтахьа нехан бошмашкара стоьмаш, ведомосташ тIехь бахархойн фамилешна дуьхьала лаьтташ даккхий терахьаш хилчахьана! Вон дерг — и ахчанаш бахархошна бIаьрга гина а цахилар ду. Уьш, юха а, оццу хьаькамийн кисанашка доьлху. Цхьа а милици, цхьа а комисси кхуьур яц дуьхе, хIунда аьлча, ахча массарна а даллал долуш ду. Цу зуламех лаьцна яздийраш а бу бан-м, амма царах цхьа а ца теша. Амма сох Хьо теша веза. Со суо а ма ву хIинццалц схьа и дерриге а лелийначех!

Цу кеппара нисло-кх, хьомсара Леонид Ильич, оха пачхьалкх а ца кхобуш, пачхьалкхо тхо кхобуш хилар, комаьршша банкера ахчанаш схьа а хоьцуш. Цхьаъ ду тамашийнаниг — хIунда хаош ву со набахте? Со райкомана а, райисполкомана а оьшуш стаг ма ву! Ткъа райком обкомана оьшу. Обком а хир ю цхьана кхечунна оьшуш. ТIаккха со дIахецийтахьа  кхаьрга, хьомсара Лео¬нид Ильич. Я, дохкахь, дерриге а дохкийтахьа тхо чу.
Цу тIехь xIapa сайн жима кехат чекхдаккха лаьа суна. Соьгара мерза маршалла ло Хьайн доьзале а, белхан накъосташка а. Тхан Ахь ечу тергонна кIорггерчу баркаллиций, нийсоне кхача Ахь сайна гIo дийриг хиларх тешарций вуьсу со.
Хьан Iалихан Бексултанов.

I982-чу шеран 5-гIa сентябрь»...
...Хан шортта яра хIинца чохь воллучун, цундела ша яздинарг юх-юха доьшуш Iapa иза. Амма, тамашийна хIума а дарий и-м, xIopa мосазза доьшу, коьрте хIоьттина дохк тIеттIа дукълуш догIура. Кехат чекхдаьккхинчул тIаьхьарчу шоллагIчу дийнан сарахь шиннах цхьаъ хоржучу хьолехь вацара Iалихан: дIатаса-те кехат я хIаллакде-те, и тайпа кехат кху дуьненахь хилла хилар цхьана а синна ца хаийта?

Буьйса чIогIа еха а, сингаттаме а, тховх ладар доладаларехь, догIане а яра. Кхерарехь, хьолехь а, хьеставаларехь, аьшпашлахь а схьадеанчу шен дахарна неIалташ кхийкхадора Iалихана. «ХIай, АллахI! Сайн дахар ахь соьга юха доладайтича! Мел дика, мел нийсий, маьрший вехар вара-кх со, сайн дагахь хьарамло лелочех, къуйх вела а воьлуш! О, хIунда артболуьйту-те ахь стеган синкхетам, цхьацца сов рицкъанаш оьхьуш? Оцу къацахетаршка детталучу ахчане сел дерачу гуре хIунда гIоьртуьйту ахь нах? Кху лагерьшкахула кхерста, хIокху харц адамех ветталун хан яра, тов, сан? ХIунда буьту ахь маьрший, сий-ларамеххьий со кхуза титтинарш, гучуваларо бен сий дожийна воцу со маршонах а воккхуш? Гучувалазаниг вац сайн бехк токхуш воллучу сол зуламе?»

Iалиханан ойланаш хIинца шеллуш лаьттачу шайн цIерачу товхане йирзира. Дикка хан яра xIapa башха курортах тера йоцчу кху меттигашка хьажийна. «ХIан, сол хьалха цIа воьрзур и Борза боху Iовдал. Ткъа хIун ду цунна хууш? ХIусам муха латтор ю цо? Йисина шай-кай, шеко йоццуш, хьалакхоьосина вер ву цхьана-шина шарахь. Ткъа цул тIаьхьа? Къола дан волалур? Ткъа мила ву и сацо?!»

Ша ойланаш йинарг, ша кхеттарг уггаре инзарениг дацар хьоьхура даго Бексултановна. Хууш вацара иза хIинца а, лагерера дахар ша муха ловр ду. Я ша дийна цIа воьрзур ву-вац а. Шен цигахь валар хилахь, ша дIа мичхьа вуллур ву а, хьан вуллур ву а.
«ХIан-хIа, мегар дац Брежневга ишта яздан. Дегабаам бан мега. Меттигера Iедал a гIyp ду оьгIаз. Къена Iовдал, ас дийриг

хIун ду! Массарна а ма ду дерриге а хууш, массо тапъаьлла а Iа. Дагахь цхьаъ ду, багахь кхин ду. Гойтург ишта ду, дийриг вуьшта ду. XIopa воккхачу хьаькамо дийриг а, бохург а мацахлерчу моллас баьхначунна тIе догIуш ду. Цо а баьхна хиллера-кх: «Ас дийриг ма де, ас бохург де». Ткъа хIокхара баха а ца боху цхьатера. Трибуни тIера — цхьаъ, лере — кхин. О! ХIай, АллахI, ма бакъ хилла-кх хьан шайхаш, бакъ луьйриг воьлхуш, харц луьйриг воьлуш хан йогIур ю, баьхна болу!

 Адамашна вовшийн дуур ду, баьхна болу! Суна, Iовдална, жимачохь, дара вовшийн жижиг дуур ду, моьттура. Ткъа цара вовшийн, хIинца со санна, дийна боллушехь буург хилла, цкъа дIакхоллуш. О! ХIай, АллахI, ма бакъ хилла-кх и хьан шайхаш! Тешалахь сох, ас кхана Iуьйранна дуьйна ламаз долор ду хьуна. Ахь тхуна тIе мел диллинарг дерриг а дийр ду хьуна ас хIинца дуьйна дIа. Хаац суна, ахь суна мел хан ю дуьненахь яккха елларг, амма суо велла дIаваллалц хьан лай хилла вехар ву хьуна со! КхидIа йолчу хенахь суо да волу ахча дерриг а байшна а, кхидолчу оьздачу гIуллакхашна дIалур ма ду ас, нагахь ахь суна къоланаш дан... аьлча а, хьанала алапа эца гIо дахь, ала гIертий со-м!».
И ойланаш йиначул тIаьхьа наб кхета ца тигира Iалиханна, этIа а дина, кегийра цуьргаш йина, ша яздина, хIинццалц кисанахь лелийна кехат дIадаккхалц.

XVI-гIa КОРТА

ХьошалгIахь Муртаз-Iелассий, Гайрбекий доккху шоллагIа де доккхачу хазахетарца доладелира! некъан йохалла ша хийла халонаш, къа-баланаш лайннашехь, цара еанчу нIаьно, лулахойн нIаьна эша а йина, цуьнан нускалин хьал-бахам шен доли бер-зийра.
— ЭхI, горлара Мутушан зуда! Хаа-м дера хиъна хьуна, тху¬на хIун нIаьна яла еза! — дозалла дора баккхийчу наха. Шаьш-шиннан воккхавер Шурпанаца декъа лаьара цу шинна, амма Шурпан, хIундда делахь а, ян хьееллера.


Хахкаелла еанчу «Кировцо» дийна уьстагI битира. Цунна чIогIa реза хилла Мутуш Гайрбекаца цхьаьна, урс а хьаькхна, и тило хIоьттира. Цхьа кIант вахийтира Шурпан схьакхайкха. Кестта сана схьахIоьттира важа. Хухуртахошна нIаьно баьккхинчу сийлахьчу толамо, керлачу жижиган токхоно, жимачу зудчун хазалло, йоьдучу аьхкенан дийнан сирла хиларо — оцу дерригено са-малхадаьккхинера хьешийн. Оцу дог-ойлано даима ваьлла лела Iеминчу Гайрбеке шен накъосте Хухуртахь къона боцчу наханий «бен ца хуу уьшар яйтира: «Воьду со лаха...» И хIун уьшар яра. дешархо кхетта хир ву: нана-пIелггий, цIаза-пIелггий хьалха а бахийтина, юккъера кхо пIелг саттийна куьг хьалалацар. Йистерчу шина пIелгана юккъе ши бIе ах   бIе грамм   а   хоьур йолуш...  Нийса бах, иза — дуьззина доьттинчу стаканан барам бан а бу. Араваьлла, лехира Гайрбека, карийра, ийцира, деара.
Вукхарна цхьацца бIе грамм мукъана йотта хьешашна дага а ца деара. Лаьмнашкахь иштаниг деш Iедал дац. Дукхе-дукха къайлах дассийра цу шимма и шиша, шаьшшима нийсачу новкъа хIитточарна и тосадаларх ларлуш.

Шурпанкас хьешашна уьстагIан жаннашший, доггий кхерзира. Мутуша шена ма-хьеххара, чIогIа тIекаре, елаелла-екхаелла яра иза цаьрца.
Селханлерчу сараххьий, таханлерчу эха дийнаххьий шаьш дуьненахь яьккхинчу хенах шовзткъа-шовзткъа шо охьатесча санна, сакъераделла вара ши воккха стаг.
— Бутт боккхуш соцур ву вайша кхузахь,— ларамаза санна, дожийра Муртаз-Iелас.
— Дера доккхур ду-кх, эшахь, шо а-м! — жоп делира кхерста Iеминчу Гайрбека.
— Вайша стенна сихлуш ву? Кегийчарна Iуналлин бIаьрг оьшу. Хьехам оьшу. Сонта та ма бу хIорш. Хьажал, цара Iалавдин мискачу зудчуьнца хIун бегаш бина. Хьераялла йоллуш хьийза хир ю, ерриг а юрт меттах а яьккхина. Ткъа кхарна и забар хета... Ваьш кхузахь хидлехьара, вай дойтур дарий иза кхаьрга?

— Дацара дера-кх, — жоп делира Гайрбека, кхерзинчу жаннашний, дагний, къаьркъанний тIе дуькъа кхехкийнчу Индерачу чайнан стака а молуш.
— Iовдала туьлликаш ю хIинцалера кегинаш, — цергаш ваьштатеIайора Муртаз-Iелас, йоцачу кIайчу халато къевлина жимачу зудчун дегI дIасатахкар лерина тергал а деш. Ткъа шен дагахь: «Мера кIел лелаш сел хаза меъ а долуш, божалан бен бала а боцуш делийца!» — бохура цо.
Хазачу зударшка безам болуш вара Муртаз-Iела даима а, амма цу хьокъехь вистхилар кIезиг хуьлура цуьнан, ткъа шен ховха лаам кхочушбойла кхин а нилха а нислора. Амма тахана, стенна делахь а, накъостана шен деган ойланаш яста лиира цунна.
— Гайрбек, хьох цецвуьйлий со-м: зуда йоцуш муха мега-те хьо? — хаьттира цо, чайнан кхоалгIа кад дIа а баьккхина.

— ДIабахахьа дIа, — куьг ластийра Гайрбека, шена цу хьо¬къехь ура-атталла къамел дар а жерга хетар хоуьйтуш.
— Хьажал хьо, масала, кху Шурпане, — шабаре велира Муртаз-Iела. — Суна хетарехь, денна хьалхахь хьийзаш хилча а, кIордор ма яцара xIapa…

— Уьш боцуш, аттахо ду!— кхачам боллуш элира Гайрбе¬ка. — ХIусамехь уьш белахь, цIа варан гIайгIа хуьлу. Керта валарца цхьаьна зуда, аьлча а, и саьрмак, хье ага хIутту-кх! «дечиг кхачийний», «ахьар кхачийний», «аттана дао хIума даций»,— бохуш. ДIабахалахь, дIа... ТIаьххьараниг лаьтте    дIаерзийначул тIаьхьа бен мегарг ваха а ца волавеллий со-м. Хинда шена xIyсамехь шийла, ца хинда шена чохь кхалла хIума! Ткъа мел тийна хуьлу! Мел паргIат хуьлу! ХьошалгIахь кIира даккхахь а, бутт баккхахь а, дийнна шо даккхахь а, хьо мичхьа вара, бохуш, цхьаммо а барт а ца хоьтту.

— Э-э, ма аьллахь ишта, Гайрбек, — ша волччохь дIатаьIира Муртаз-Iела. — Шурпан саннарг цхьаъ xIycaме ялае ахь — пеш лато а-м дера ца оьшу. Iа йовхехь доккхур ду ахь. Ма-дарра эр ду ас хьоьга, Гайрбек: кху Шурпанах тера цхьаъ сайн хирг хIуъа а лур дара-кх ас!
— Цунах-м со теша хьуна, хье-хье-хье, — велавелира Гайр¬бек. — Зударшца долчу хIуманна чIогIа тIера ду, бохуш дуьйцу шун тайпа. Хьан воккхах волчу вашас борхIазза ца ялийна зуда? XIapa цхьа Iалавди ваьлла-кх шух эхь-бехк лоруш, далла муь-тIахь. Нехан зударшка бIаьрг ца бетташ. Хьекъале а ву.

— Алахьа, Гайрбек, хьуна хIун хета: соьга ян реза хир ярий-те xIapa Шурпан?
— Ой-й!..
— ХIан-хIа, нийса ца кхетта хьо сох. Хухурта дIаяло ца воллий со-м xIapa. Вуьшта... кхузахь волчу ханна... Кхетий хьо?
— Ца кхета,— цец шорбелла шен ши бIаьрг тIебуьйгIира Гайрбека накъостана-пенсионерана.
— ХIун ду, тов, хьо ца кхетарг? — дегабаам бира Муртаз-Iелас — XIapa... цуьнга ала мегар дарий-те и?
— ХIун ала?
— Ой, суна и езаяларх лаьцна!
— Жоп кеста ца делира Гайрбека. Эххар а хаьттира:
— А-а, м-муха хатта воллу хьо и цуьнга?

— Цу хьокъехь ма хоьтту ас хьоьга, Муха ала-те ас цуьнга? Гайрбек вист ца хуьлура. Хьала ца йовлалучу соне йоьхкинера Муртаз-Iелас цуьнан ойланаш.
— А-а, — куьг ластийра Муртаз-Iелас, — вало хIета, кхеран юьртахула волалой вайша.
Накъост хьалха ара а валийтина, ша кухни чу вирзира Муртаз-Iела. Шурпан чIогIа тIекаре яра. Гергга тIе а вахана:

— Твоя хороши женщин! — элира пенсионер   волчу ламанхочо. — Дика зуда ю хьо!
Хазахетта, жимма йоьхно хилира   Шурпан.   Кхин   а  герга таьIна:
— Твоя карсиви женщин! — элира Муртаз-Iелас хьалхачул а кIеда. — Хаза зуда ю хьо!
ХIинца чIогIа йоьхна хьаьвзира Шурпан. Инарлин куй коьртахьчу цу хан кхеттачу кавказхочо и дешнаш даггара бохийла кхетта, ша хIун дан деза, ца хууш йисинера иза. ТIаккха кхин а майравелира ламанхо. Шурпанан ховхачу пхьаьрсах дайн куьг а хьокхуш:
—Цхьамма хьайна халахетийтахь, соьга ала ахь! — тIетуьйхира цо.

Цул тIаьхьа, ша цу хазачу зудче шен дог хаийтина лоруш, сихха аравелира. Къона йоцчу даьIахкийн чаьлтаршна тIехьара цуьнан дог аьрха детталора. Къегина богучу малхо бIаьргех хиш туьйсура. КхоалгIачу отделенехула волавелира ши накъост, юрт евзаш.
Марзахочун шен бала кхачаро дог кIаддинера Шурпанан. Цо дийцинарг Iалавдис ша ялор къобалдеш дийцина тарделлера цунна. Хиндерг хIинца кхин а ирсе хетара.

*  *  *
КIира делира. Диллина лаьттачу керлачу жижиган токхоной, аренийн декъачу хIоной цIинвеш схьавалавора зудче безам бахана Муртаз-Iелий, цхьана а хIуманан гIайгIа-бала боцу Гайрбеккий. Наггахь, гIишлошъярхой болчу хIуттий, царна, шайна хетарехь, мехала хьехамаш луш, шаьшшиъ кхузахь ца хилахь, гIуллакх доха а, миска бежанаш Iа даккха арахь диса а тардаларх тешна ваьллера ший а.

ГIишлошъярхой къийлабала дезаш хуьлура баккхий нах болчохь. Мегарг буьйлабала а, садаIа а, девнаш даха а йиш ца хуьлура. Цу тIе, совхозан завскладо схьахьедар а дира, гIишло йоьттина яллалц ша кхин цхьаьллиг-цхьа уьстагI лур бац, аьлла.
Ткъа Муртаз-Iелиний, Гайрбеканий хIинццалц схьа цкъа а ца яьллачу кепара садоIийла яьллера. Кхузахь дикка хьевала сацам бинера цу шимма, ура-атталла, нагахь гIишлошъярхошна сихха Хухурта цIа баха лаахь, и дан царна пурба а ца луш.
ЧIогIа шех бIобоьллачу Муртаз-Iелас Шурпан чомахь дIасаяла а ца юьтура тIаьхь-тIаьхьа. Зудчунна ша бечу бегашех там хуьлуш хиларх тешна ваьллера иза.

Кхин цхьа кIира а делира. ГIеххьа йоьхна хьийзара Шурпанка. ГIад-амал дайинера цуьнан Муртаз-Iелас хаддаза ечу хичаша. Цкъа цхьана дийнахь боккха куй болчу ламанхочо шен дегIан уггаре кIедачу меженах куьг тоьхча, иза ларамаза нисделла, аьлла IаддаIийра иза. Амма ларамазаллаш юх-юха а Iиттаяла евлира Кестта Шурпанкина а, Кавказера схьабевллачу бахархошна а тосадала делира Муртаз-Iелас ламаз дIатасар. Цул совнаха, туьканара эца а эцна, кIайн шляпа лело а велира иза.

Шурпанкица хIинца а тайна а, вистхуьлуш а вацара Iалавди. Ткъа важа, миска, холчохь яра, ша хьанах дагаяла, ца хууш. ТIахь-тIаьхьа кхерамечу бегашашка вуьйлуш вогIу Муртаз-Iела-м шек а вацара. Безамна комаьршачу цуьнан даге шоллагIа къоналла йоьссинера.

*  *  *

Хьеший баьхкина доьалгIа кIира а доладеллера. Цкъа шаьш балхара цIа догIуш!
— Жижиг а ду чекхдолуш, — элира Мутуша шен накъосташка. — УьстагI кхин лур бац, боху, вайна.
— Забар ян а, цигаьрка оза а, садаIа а йиш йоцуш дисина-кх вай, — кхоьссира Куршаба.
— ЦIахь са ца гатдо-те кхарна? —сатийсаме вистхилира Iеласолта.
Массарначул а хьеший кIордийна волу Iалавди тийна вогIура. Эххар а Iа ца велира иза а:
— Деваша лаьхьарчеххий, гезгеххий кхоьруш ву сан. Кхузахь
уьш дукха хилар хьахийча хIун дара-теша вай цуьнга? — Хетарехь, цу хьокъехь дикка ойланаш йина куц дара цо.

Цуьнан и дешнаш массарна а тайра. Цу хаамах мелла а алсам пайда муха оьцур бара-те, бохуш, ойланашка бевлира накъостий.
УьстагIах йисина тIаьххьара даьIахкаш а яьжна, шаьш дIадийша кечлуш, шен гIайба бега а бина, тIетаьIIина цхьаъ-м хьеша хIоьттира Куршаб, цIенкъа мийраш бетташ.
— ХIун ю и? — цецбевлла хьаьвзира цо дечух ца кхетта накъостий.
— Скорпион ю-кх, —дегаза элира Куршаба. Муртаз-Iелий, Гайрбеккий врцурш, бисинарш берриге а кхийтира хIинца.

— Селхана шиъ аса а йийра уьш, — парггIата дожийра Му¬туша.
— ХIун? ХIун йийра, бах ахь? — ша волччохь тохавелира Муртаз-Iела.
— Скорпионаш, бохура ас-м.
— Скорпионаш бохург хIун ду?
— Гезгаш яра уьш-м. Цуьнан санна, чIогIа дIовш лаьхьанан а ца хуьлу, боху.
Муртаз-Iеле хьаьжначун дог ца Iаьвжийла дацара. Бос беддера цуьнан горглуш йогIучу юьхьа тIepa. Бертаза айвелла, шена бухарчу гIанте хьаьжира иза:
—Муха? Ю-те уьш кхузахь... о-оццул д-дукха?
— Муха яц! — накъосташна тIетайра Iалавди. — Шун ирсана, шу дахкале жимма хьалха оха чу молханаш    тоьхнера. Импортан молханаш. Кхаа кIиранах лаьтта    уьш    дIа ца довлуш. ХIинца юха а хьалайийла юьйлаели.
— Ткъа и молханаш мичхьа хуьлу? Кхин цкъа а тоха деза вай уьш! — маьхьарца элира Муртаз-Iелас.

— Хаза а хеташ-м дера тухур дара. Кхача ца динехьара. ХIинца эца меттиг а яц, — далийра Iалавдис.
— Тхуна-м хила хIума дацара. Кхуза схьа ма кхеччинехь, оха цу дIаьвшана дуьхьала мехий деттийтина тхайна, — тIетуьйхира Мутуша. — Вуьшта шуьшиъ ву-кх кхерамехь.
— Тхуна а деттийта деза-кх уьш кханнехь...   хIан-хIа, хIинццехь! —дийхира Муртаз-Iелас,
— ТIаьхьа ду хIинца, ваша, — юха а вистхилира Iалавди, —
баьстенан юьххьехь детта уьш. Ткъа   хIинца гуьйре тIекхоччуш
йоллу.      

Муртаз-Iела кхоччуш воьхнера. Юьйцурш чуьркел, мозел башха ца хеташ Iapa Гайрбек. Шайн кхиам керлачу «аргументашца» тIечIагIбан лиира кегийчарна.
— Хаза хIума хилира-кхи тхан десятникна, — дийца волавелира Куршаб. — Шайн чу и молханаш а тоьхна, парггIата дIабийшина хиллера уьш. ЦIеххьана шен гIайби кIелахь цхьа шахтатанаш хааделла десятникна. ГIаьттина, сихха стогар латийна кхуо. ГIайби кIел хьаьжна — парггIата, хьарча а хьаьрчина, Iуьллуш кхо метр беха текхарг хилла-кх.
— Кхо метр ца хилла и, шиъ ах хилла. ТIедетташ ма дийцал ахь,— ца Iавелира Iеласолта.

— Деллахьа, ма къовса хIума карий-кх шуьшинна! — ккъаиккхира Iалавди. — Ас айса а кхиссина уьш-м кху вайн кухни чуьра шишша-кхоккха метраш хир долуш. Ткъа тракторист волчу Степана дуьйцура-кх хьастагIа, шенa вайн хин йистехь лаххара а пхиппа метраш   хир болуш   цхьаьнаметта   уьш   кхоъ гира,   бохуш.
Хьацаран зирх тоьхна куц дара Муртаз-Iелин хьаьжа юккъе, хIунда аьлча, галпеш йолчу хечин кисанара схьадаьккхина, дарин йовлакх хьекха велира иза бIаьштига тIе, меллаша коьртара шляпа дIа а яьккхина.


— Цхьана хенахь вайн лаьмнашкахь а хуьлура, бохуш хезна суна, уьш, — къамелан paгI шега ийцира Гайрбека. — Шовданан коьрте а буьжий, сила долу хи лакъош хилла боккхачу текхарго, Шеран йохаллехь хьогаллин Iазап ловш хилла наха, орцах а бевлла, наьрт-аьрстахоша иза дIаэккхоллац.
— Э-э, уьш-м туьйранаш дара, — куьг тесира Куршаба. — Вай дуьйцург кхузахь ваьшна гуш дерг ма ду.

— ХIунда ду, тов, уьш туьйранаш? — дегабаам бира Гайрбе¬ка. — Хилла-лелларш, хьаханор, ду уьш-м. Молланаша дуьйцуш. Суна сайна а цкъа хезна ца Iа цу хьокъехь.
Къамелаш нацкъара теIаш санна хийтира гIишлошъярхошна. Цундела иза шайна оьшучу aгIop хьовзо сихвелира Мутуш:
— ЛадогIал, накъостий. Ас цу десятнике хаьттира, гIайби кIелахь лаьхьа хаабелча, хIун дан деза-те, аьлла. Башха чолхе xIyма а ца хилла иза-м. Хьуо кхеравеллийла хаийта мегар дац.

Шозза аьрру бIаьрг а, шозза аьттуниг а таIийна: «Хьайн десара, ДагIохьа, со хьан мостагI вац хьуна, доттагI ву хьуна!» — ала деза. Вада гIоьртий — цу минотехь тIаьхьакхуьур бу. Лаца а лоцур ву. Цундела, диц ма делаш, дан дезарг нийса делаш. ХIинца дIа а дуьйшур вай.
Мотт сецна, меттах ца хьалуш, докъан басе вирзина Iapa Муртаз-Iела. Бела ца бала гIерташ, хала садетташ, меттанаш дохкуш бохкучу гIишлошъярхошка:
— КIентий,— элира Гайрбека, — нохчийн мотт хаьий-те оцу текхаргашна?
— Хаьа, моьтту суна, — жоп делира Мутуша.

— И дика ду, — жамI дира шаьш дийцинарг цIена бакъ хиларх доггах тешначу Гайрбека. — БIаьрг теIоран болх-м хаац су¬на, вуьшта къамел дан-м хуур ду суна цаьрца.
— Ваша, хьо дIа ца вуьжу?— хаьттира Iалавдис шен девешега.
— XIa-ан?.. ХIаъ, вуьжу... Чувоьду со, — халла хьалагIаьттира хезначо Iадийна Муртаз-Iела.
ГIайбешла марош а доьхкина, халла белар сецош Iохкура гIишлошъярхой. Цхьамма а белар хаза а ца дира царах. Бакъду, маьнганийн пурженаша «къаз-къиз»-м дора.
Шаьшшиъ вуьжучу чу а веана, Гайрбеке шен маьнга цуьна-чунна улло татта гIo дийхира забарина доцуш кхеравеллачу Муртаз-Iелас. ТIаккха, пенехьа вижа лиъна, цуьнан маьнга шена бийхира. Цул тIаьхьа вехха Iиллира, бIаьргашца тхов тIерий, корашкарий, цIенкъарий Iуьргаш толлуш. Пхоьазза-йолхазза хьаьжира гIайби кIела а, гоьнна кIела а. Эххар а, коьртах гата а хьарчийна, минотана гIайби тIе дIатаьIира. Амма, сихха хьалаайвелла, пенах букъ тухуш, метта охьахиира.
Гайрбека «хар-хир» ден кхо сахьт хан яра, хиина Iаччохь наб озийна, Муртаз-Iела гIайбехьа охьавоьдуш...

Син билгало къастарца цхьаьна, маьнги тIера каде охьаиккхина, минех санна, чIогIа ларлуш, гIайбин маьIиг хьалаайира Муртаз-Iелас. ХIумма а кара а ца йина, хазахетаро, дуьзира ла-манхочун башха доккха доцу дегI. Воккхавийна ца волура иза и хьошалгIахь йоккху porlepa буьйса зулам доцуш чекхъиларх. Шаьш юьхьарлаьцначу Нуллакхан кхиамах тешна, «лаьхьар-чийн», «гезгин» бенара Муртаз-Iелас Гайрбек цIехьа вадориг хи-ларх шеко ца йисинчу гIишлошъярхошна дага а ца деанера цу тIехь цхьа новкъарло яла тардалар. Шаьш дагалаьцнарг цара ца хаийтинчу Шурпанера еара и новкъарло. Цул тГаьхьа шаьш-шайн кортойх байттамалла буйнаш бетта а дийзира церан.
Ишта нисДелира иза...

Цу Iуьйранна воккхачу стеган лехамашна хьакъ йоллу дуь-хьало ян кечъеллачу Шурпанна, бегашийн метта, кхин тайпа, эго аз хезира, хаттарх теро а догIуш:
— Шурпан, кхузахь боккха лаьхьа бу, боху...
— ХIун?! Лаьхьа-а?! А-а-а! — мохь хьаькхира зудчо, кхераслла, ара а хьодуш. Цул а кхеравелла, неIарал арахьа хьаьдда, цул хьалха а ваьлла, дIахьаьдда воьдура Муртаз-Iела, амма, цехIхьана ламанан къонахчун сий дага а деана, сихха сецира.
— Мичхьа бу лаьхьа? Мичхьа гира хьуна иза? — хоьттура Шурпана, шена орцахваьллачун марахь а нисъелла. Жимачу зудчун ховхачу дегIан йовхо хааелла, сийсара ша лайна къематаш дицдеш, турпала ницкъ боьссира Муртаз-Iелин дегIе — кIажийн пхенашкара дуьйна лекхачу куйнан биста кхаччалц (юха а шен куй дIатиллинера цо хIинца).
— Хьо кхера ца оьшу хьуна цхьана а лаьхьанах! Со уллохь мел ву, цхьана а хIуманах ма кхералахь! — дозалла деттара дог майрачу кавказхочо.

— Муха — «ма кхера?» Хьуна ган   ца гина и? — цецъелира
Шурпан.
КхидIа дерг башха тамашийна а дацара, иза хIумма а гIишлошъ-ярхошкахьа а ца дирзира. Шурпан кхийтира, воккха стаг шега хIун хатта гIерта. Ша кхерорна жимма дов а дина, тевира цо иза, кхузахь гезгашший, лаьхьарчий кхечу меттигашкахьчул сов ца хуьлу, аьлла.

 *  *  *

Кхин кхо де а делира. Хьеший дIабаха башха сиха бацара. Шаьш совхозан складе вахана, кладовщике бехкаш а даьхна, рогIера, уьстагI балош веара Муртаз-Iелий, Гайрбеккий. Деваша керлачу кепара зен сацам хилира Iалавдин.
И чохь воцу хан а ларйина, цуьнан гоьнний, шаршуний юккъе, хьийзош, тай диллина, цуьнан юьхьиг шен маьнги тIе дIайигира вешин кIанта.
Буса шаьш дIадийшича, и юьхьиг меллаша схьаозийра Iалавдис.   Цул тIаьхьа хилларг цо сатийсинчул а доккха хIума дара. Чухуларчу кIайчу духарца сехьа хьаьдира   воккха   стаг, шийла  мохь а хьоькхуш. Кхерабелла, хьалалилхина накъостий и теван хIиттира.
—ХIун ду хилларг? Хьуна хIун хилла? — хоьттура цара.
 
—Текхарг! Текхарг бу цу чохь! — вукху чу пIелг хьежабора Муртаз-Iелас. Амма цу чохь царна хIумма а ца карийра, маьрша наб еш Iуьллу Гайрбек воцург. Цунна   тIехула сехьаэккхаш, цунах хьакха а ца велла куц дара Муртаз-Iела.
—Мичхьа бу и? — хаьттира Мутуша. — Гайрбекна уллохь-м бац и?
—ХIаъ... Сан шаршуна кIелахь, — тешош элира Муртаз-Iелас. Амма цхьа а лаьхьа, мел лехарх, ца карийра. ТIаккха юха а тевира воккха стаг, лаьхьа дIабахана хир бу, аьлла. Амма важа хIуъа бахарх а, цу чу вижа кхин реза ца хилира. Шеца меттанаш хийцар дийхира цо Iалавдига. Девешин дехар кхочуш ца дича важа а  ца велира.
ШоллагIчу дийнахь шаьш балха хIиттича, дийцира Iалавдис накъосташна ша динарг. Самукъадаьлла, доггах бела а бийлина, изза юха а дан сацам бира цара, кхиамах шаьш башха ца тешахь а.

Амма дIабаха ца туьгучу хьешашца болийнчу къийсаман «ар¬сенале» кестта кхин цхьа хIума а дало дийзира. Шурпанкас Iалавдин девашас шегахь даллочун хьокъехь шен доттагIчуьнга. Фроськега дийцаран бахьанехь гучудаьлла дара иза. Фроськас, кхеташ ма-хиллара, шена хезнарг Iеласолте дийцира, ткъа вукхо иза бригадан шуьйрачу гонна довзийтира. ЧIогIа оьгIазваханера Iалавди... Цхьана кхетамо жимма сатедора цуьнан — Шурпанкас шен меран верас нахала цаваккхаро...
— Ваша, — олуш вистхилира Iалавди   цу   сарахь девешега.
— ХIун бах ахь, сан кIант? — кIадваларан озаца хаьттира воккхачу стага (хьалха динарг кхин цкъа а диначул тIаьхьа сийсарлера буьйса а наб ца еш яьккхинера цо).
— Цхьа хаза доцу хIума хезна суна.
— Кхузахь гучудуьйлучу хIуманел хаза доцу хIума хIун хир ду? — хаттарца жоп делира воккхачу стага.

— И бохург хIун ду?
— И дера ду — бIаьрга гуш йоцу и буьрса текхаргаш! Ас забар йо, моьтту шуна? Меттахь уьш суна ца хаало, моьтту шуна?!
— Ца моьтту дера-кх. Суна а хаало уьш-м,   бус-буса бохург санна. Садетта-кх. Вуьшта ас бохург-м кхин дай.
— ХIун ду и?
— Ша хIинца Хухурта боккъалла а кехат дахьийтина, бохуш дийцина Шурпана. Шух цхьаъ шеца... бохуш яздина... Муха эр дара иза-а... ша яло гIерта, бохуш. Гайрбек хила там бу и. Хьан йолуш ма юй зуда. Хьо сел сонта а вац... Цундела сихха. Хухурта кхача везара шуьшиъ, цигара керла «делегаци» яийтаре а ца хьоьжуш!
Дуьхьала хIумма а ца элира Муртаз-Iелас. Шен чу вахана, катоьххана чамда кечъян хIоьттира иза. Халла дехаршца сацийра иза буьйса йоккхуш.
Цу буса цуьнан шаршу кIелахь «гуш доцу лаьхьарчий» леха а ца дийзира.
Хьеший новкъа бохуш, Шурпана церан тIоьрмига чу йиллира цара цIера еана боргIал.

XVII-гIa КОРТА

Дуьйладелира шийла мехаш. Совхозан складера шайна тужурканаш ехира Мутуша. Хаъал лахъеллера Кавказан кIентийн дог-ойла. Вукхарлахь мелла а саметтахь хеталора цхьа Iалавди. Баккхийнаш дIабаханчул тIаьхьа ша юха а къона нуц хеташ вара иза, хьалха санна.
Расчет ен де герга мел гIерта, тIеттIа марсадуьйлуш догIура Куршабаний, Мутушаний юкъара мостагIалла. Шинне а шал ше-ра хаьара вовшийн дагара — шел хаза кхин хIума доцчу Лолитица цхьаьнакхета шаьш туьйсу са. Мутуш тешна вара гIараяьллачу спекулянтами йоI шена кхочург хиларх. Аьлла ма дара: «Гуьйре кIаргъяллалц»...
Бухахь цхьа зуда йолуш волчу цул ша тулург хиларх хIумма а шек Куршаб а вацара. Цуьнга аьлла а ма дара и «гуьйре-кIаргьяллалц»....

«Хьанна хаьа, нагахь и Мутуш сол хьалха цIа кхачахь, цо дерриге а дохо ма тарло сан!» — ойла хьаьвзира цхьана дийнахь Куршабан коьрте. «Къасто деза цуьнца, совнаха яздийриг соьца декъа дагахь ву и я вац, — элира цо ша-шега. — нагахь вацахь, со тIетаIа а веза цунна!»
Цкъа шаьш висинчохь, ирча вела а къежна, хаьттира Куршаба Мутуше!
— ХIан, реза вуй хьо соьца сов кепекаш екъа? Я хьал хьалхалерра дита дагахь ву?
— Хьал хуьйцуш Iедал дац сан. Барт — барт бу. Совнаха язден ахчанаш ас хьаькамашций бен ца доькъу. И тхан гIуллакх ду! — доцца хадийра бригадире, мелла а собаре хила а гIерташ..

— Делахь-хIета, со дIавоьду. Доьху юьззина расчет яр!
     — Юьззина расчет божал дIаделчий бен йойла дац. Хьайн рогIepa алапа а эций, луъучу хахкавала маьрша ву хьо! Хьуо ца хилча, тхо ларор дац-м ца моьтту хьуна?
— Бехкаш ма даха соьга. Хьуна ваца веана вац со кхуза.
Лаьий — соцур ву, лаьий — дIагIур ву. И сан сайн гIуллакх ду!
Цуьнца къуьйсуш ца ваьллира Мутуш. «ДIавахана валахьара хьо кхузара!» — дагадеара цунна.
Цул тIаьхьа кхоалгIачу дийнахь Куршаб, Iалавдин, Iеласолтан бен  Iодика ца еш, Павлодарехьа йоьдучу    машенахь дIавахара.
— Совхозан тужурка а эцна ваханийца, торгаш! — элира, и
шена хиъча, Мутуша.

 *  *  *

Бригадан белхалошлахь цхьабосса цабезам баьржира ноябрьбутт юккъе болучу хенахь, шаьш юьззина расчет еш.
Ша дIавоьдуш, Куршаба шен махкахошна «совгIат» дитина хиллера: заявлени дахьийтина хиллера Москва бригадана сов¬наха белхаш язбан тардаларан хьокъехь. Оцо кхерийнчу совхо¬зан куьйгалло, совнаха шай-м муххале а ца яздира царна, шина бIе туьманна эша а деш делира догIург а. Совнаха даьхьна паспорташ сов хила а хилира.
—Ас чIир кхайкхор ма ю хьуна цуьнга! — схьахьедира Iалавдис.



— Ас цуьнан шен кисанара охьадуьллуьйтур ду цуьнга сайна догIу ахча! — элира Iеласолтас.
— Дала бина цунна бекхам, — тийна вистхилира Мутуш. — Цу кепара сутарий, ямарттий долчу адамашна цкъа а хир дац я тоъал рицкъа а, я синна пapгIaтo а. Кхин цкъеллиг-цкъа йогIур яц сан уьйр торгашаш хиллачаьрца а, заготовительш хиллачаьрца а, милицехь хиллачаьрца а!

Оццу хенахь гIишлошъярхойн бригадах висинчу кхаа белхалочух цхьанна хьалха ша хIинццалц башха ойла а ца йина долу доккха хаттар хIоьттинера. И белхало Iалавди а вара, ткъа хаттар — бусалбан Iедалехь ялийнчу зудчунна Шурпанкина ша хIун де-те, бохург а дара... Йитаза ца йолура иза. Ткъа муха? Муха бийр бара, тов, цуьнан экамчу дагна сел боккха бохам? Дала гечдийр дуй и? «ХIумма а дац, Хухуртарчу бакъ зудчой, ворхI берой гечдича а тоьур ду», — ша-шен теван гIертара Iалавди.

Шурпанна цхьаъ тосаделча санна хеталора. Шен майра тийна-таьIна леларна реза яцара иза. Реза яцара цо де-дийне меллаша некъан кечъечу чамданна. ДуьххьалдIа цуьнга цу хьокъехь хатта а ца хIуттура. Цуьнан бовхачу безамаххий, оьздангаллеххий дегайовхо яра.
Шаьш новкъа довлале хьалхарчу сарахь, Шурпан саца а йина, цхьа гIам-гIим дан велира Iалавди:

— Сигодна земля, завтра на неба девять костер зажег, себе запретил, дургой разрешил, по мусульмански обычай оставил я тебя! — бохуш.
— Ахь, хIун боху? — цец йогIаелла лаьттара Шурпан.
— Ас йити хьо. ДIасакъаьсти вайшиъ. Майрий, зудий дац вайшиъ хIинца! — кхетийра иза Iалавдис. Йоьхна, егош лаьттара Шурпан. Мела ладар хилла елха Iенира иза.
— Цо дийриг хIун ду? — хаьттира Шурпана Мутушей, Iеласолтей. Важа шиъ юьхьа дуьхьала ца хьожура цунна.
— ХIинца кхийти со дерригенах а, — тийна йистхилира Шур¬пан. — Кхийти со, шу хIун адамаш ду. Акхарой ю шу. Кхийтин шу, акха лела акхарой?!
Еккъа кучаца, коьрттаIуьйра араиккхира зуда.
— Хаза ца нисдели xIapa, —-бехкала вахарца, доккха садаьккхира Iеласолтас. — Къилахь хIума ду xIapa.
— Къилахь хIума дера ду ахь лелийнарг! Ас дерриге а бусал¬бан Iедалехь дина — дуьхьало йира Iалавдис.

— Шиммо а ца дина аш дика, — нийсо йира Мутуша. — Сакъера даьхкина ма дацара вай кхуза, болх бан даьхкина ма дара. Зударех веттавалар — доьхна гIуллакх ду! Собар а, доьналла а хила деза, ша-шен сацо.
Шеконийн Iазапехь яьккхира и буьйса Iалавдис. Iуьйрре Шурпан йолчу а вахана, ша даьккхинчу ахчанах цхьадерг цунна дала сацам бира цо. Цкъа новкъа валале ша латийна къа жимма мукъана а дайдан.

Iеласолтана а яхъеллера и буьйса. Тамашийна хIума а дарий изам: ехачу аьхка цо чIогIа ларъеш маьнги кIелахь Iиллийна карданан сема, хIорш цIа боьрзучу даьлча, тIепаза яйнера! Иза шайтIанийн болх хиларх тешна ваьллера кавказхо. Кхечу кепара хуьлийла а дарий и, хIинццалц деш дезар а доцуш Iиллина и эчиг, кхуьнан кхоллам, кхуьнан кхидIа долу дахар къаьстачу даьлча, xIapa хьуьнан бахаман шофер хIоттарна герга гIоьртича, тIепаза, лар йоцуш яйча?! ШайтIанийн болх муха   ца хуьлу и?!
Iуьйранна юьртан йистехьа, бригадан paгIy долчухьа дIаволавелира Мутушши, Iеласолтий. Цигахь цаьрга хьоьжура бензин кхоьхьу машен, уьш Павлодаре дIакхето. Ткъа цигара дIа цIер-пошто дIабовдо безаш бара уьш шайга сатесна Iачу къоьжачу Кавказан махка. Накъосташка шена жимма собар дар а дехна, Iалавди вукху aгIopxьa ваханера. Важа шиъ кхийтира, цо стенга йоьгIна.

— Ларлуш хилалахь, — бегаш бира Мутуша, — цуьнга хьайн пIендарш ма кегдайталахь!
Дахарехь и тайна гIуллакхаш хийла зеделла волчу Мутуша цунна бина хьехам хIумма а сов а ца хиллера. ХIунда аьлча, кхидIа баьхкина хиламаш аьхкенан делкъахь мацах декнийн боьлакахь вайна гиначех тера баьхкира. Бакъду, нийсса юханехьа.
Iалавдис, кхайкхина, араяьккхина Шурпан цхьана ханна соцунгIа хилира, шен «сезонан» майра хIунда веана, ша кхетталц. Амма, кисанара схьадаьккхина, цо шега ахча кховдийча, аренийн синтеме йоI цIеххьана ца йовззал хийцаелира.

Цуьнан тIуьна-кIийбелла бIаьргаш дIасакхерста бевлира, тIаккха биргIанах терачу цхьана хIуманна тIехь севцира. Дагца кхийтира Iалавди хIинцца хила тарлучух. Ахча, сихха кисана диллира цо. Шен тIехье ринжех ара тила кхиале, хIинццалц схьа ша дуьненахь йоккхучу хенахь ца кхеттачу кепара онда хIума кхийтира цунна. Шина а куьйга шен корта лецира Iалавдис, хIинцца шена букъал лаха кхеттачул хIума кхетахь, шен коьрто и ловр йоцийла хууш. Шен хеннахь а ларийра иза и дан, хIунда аьлча, шоллагIа туху хIума, лахашха ластийна йоцуш, лакхара охьа ластийна яра. Ян дуьхьало йоцу кавказхо вухахьажа ца ваьхьара, амма цунна шена гуш санна-м хетара ша вен тIаьхьаяьлла дегIана тоьлла, даръелла и зуда. Цундела шен бисинчу синкхетамо кхолладеллачу хьолехь шел гIолениг кхин хила йиш йоцу некъ хьийхира цунна — ког ма-боллу юм эцар.

И ноябрей Iуьйре гуттаренна а юьсур ю «Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделенин дукхакъаьмнийн бахархойн дагалецамашкахь. Хетарехь, тIаьхьенаша тIаьхьенашка а кхачош, абаде дIа хьур бу цара шайн и къегина дагалецамаш, керл-керла чкъор инзардохуш... КхоалгIачу отделенин цхьаъ бен    боцчу шуьйрачу урамехула дукхе-дукха чехка хьаьдда воьдура, шийла мохь хьоькхуш, амма тийжаш, сардамаш доьхуш, санна тIаьхьаяьлла йоьдура цхьа стомма зуда. Ерстина гIезаш халла кхуьура нацкъара лелха, цу шинга шаьш ца хьашийта. Акъбовлий соьцура дIасалела нах. Ша халла латийна мотор дIа а яйина, дедда доьдучу шин¬на тIаьхьа хьаьжжинчохь висира божала силосан лафет йохьуш вогIу цхьа къона тракторист.

Шаьшшиннан накъостана орцах хьаьдира Мутуш, Iеласолтий. Шаьш-шайн ца кхоош, тIекхетта, саца а йина, хьовззийна схьаяьккхира цара даръеллачу зудчун буйнара биргIанах тера эчиг. Шен майрачун доттагI новкъа вадале тIехула чкъуьйриг йоллархьама, Шурпана цIа яьхьна карданан сема хиллера иза.
Даге цIеххьана ирс хьаьдда Iеласолта шен нус лаьттинчу зудчунна обанаш баха волавелира. Вуьшта ца сацалучу вукхунна дарах доккха дарба а делира. И сацарх пайда а эцна, машенав черми тIе хьалалилхина, накъосташа цхьабосса маьхьарий хьаькхира! «Же! Ма Iе! ДIахахка!» — аьлла.

* * *

Шаьш Хухурта цIа кхаьчначу хьалхарчу деношкахь уггаре ирсениг Iеласолта хир вара. ШоллагIчу дийннахьехь, карданан сема тIе а йоьллина, латийра цо хьун кхоьхьу машен, иза аьхкенан йохалла малхой; догIанаший хиллачунна тIе а тишйинехь а. Воккхаверо бицбинера цунна Куршабана шен болу дегабаам а. Цундела, и шена дуьхьалкхетча, цуьнга бехк а ца баьккхира цо. Ткъа цунна дуьхьала и юьрта юккъехь кхийтира. Верриг а велакъежна, Iеласолтин машенна хьалха дIахIоьттира Куршаб.

И цхьаьнакхетар некъан йистерчу шашлычнехь билгалдан сацийра шимма а.
Делахь а, Iеласолтина шена ца лиира, мала а мелла, шен сил хьомечу машенах вала. Амма цо доггах Куршабе-м мийлийтира. Ший а чIогIа гIиллакхе хьийза велира вовшашца. Куршаба къайлаха дийцира Iеласолтина новкъахь шена хилларг.
— ...Хьалхарчу дийнахь дуьйна ма хиллера сан цу чамда
нан тидам, — бохура цо. — Къацахетаршка еттарг, сайниг санна ма яра и. Ткъа дагахь а дарий, тов, цу Iовдалчу зудчо, шениг ю, моьттуш, сайниг дIахьур ю, бохург!.. ХIетахь Грознехь перроне волуш, сайн чамда гIеххьа яйелла а ма хийтира суна. Амма, и дIайоьллуш а ца воллуш, такси лаца сихвелира.

ТIаккха а, нагахь хиънехь а, дан хIума а дацара. Астраханехь охьа ма йоьесинера и имансиз! Вайн веччуьнга ма хIуттийла тIаккха, доттагI, соьга хIоьттина хьал! ДIайилли ас чамда — яц-кх ас Павлодарехь уггаре йоккхачу универмагехь эцна керла костюм а, плащ а, кхиерг а, бIе туьма гергга ахча а! Церан меттана, цхьа зударийн тIелхигаш, банканаш, кегийра шишанаш ду-кх... Амма, теший хьо, чухула юxy бедарш-м хир яра ткъе итт зуда кечъялла.   Стенна эшна цунна уьш оццул? Со-м ца кхета цунах!

Вела ца вала гIерташ, халла садеттара Iеласолтас. Дог доьхна Iачу Куршабана коча ван а эхь дацара. Накъостана жима маслаIат дархьама, цо, ларлуш, элира:
 — ХIумма а дац. Масане нисло. Воха ма воха хьо. Коьрта дерг — вай могуш-маьрша хилар ду. Ткъа хьуна йисина хIуманаш ахь ялон йолчу зудчунна мегар ю. Зуда а йоцуш лелла хьо а ма вер вац.
Накъост кхидIа дан воллу къамел Куршабан буьрсачу хьажаро сацийра. Стаканна чохь дисинарг дIа а мелла:

— Зударшна и тайпа совгIаташ дина вац со, — элира Куршаба. — Я дан дагахь а вац! Кхийтийн хьо?
—ХIан, вацахь, ца дер-кха...
— Варийлахь, цхьаьнгге а ма алалахь! Хьох со теша, хIунда аьлча, вукхарал ас массарал а лерина а, лоруш а ву хьо. Къаьстинаа оцу «авантюристал» Мутушал тIехь. ХIумма а дац. Ас дерриг а кестта доькхур ду хьуна цунна-м! CaгIa дехна а, айса дагалаьцнарг кхочуш а дийр ду!
Маларо вахийна Куршаб дан гIертарг хаа лууш вацара Iеласолта. Важа накъостий а лехна, шайна арз динчунна хилла бекхам дIабийца сихвеллера иза.


*  *  *

 Хезначух уггаре боккха кхаъ, шуна ма-хаъара, Мутушана хилира. И цуьнан хазахетар шозза совделира, коьрте кхин цхьа ойла еача.
Юьртан универмаге а вахана:
— Соьца цхьаьна ахча даккха Казахстанехь хилла Куршаб вевзий хьуна? — хаьттира цо йохкархочуьнга.

— Хьалха завмаг хилларггий? Вевза дера-кх, — жоп делира зудчо.
— Делахь-хIета, цуьнан дехар дохьуш веана-кх со. Цунна шена бегIийла ца хета хьоьга и ала. Казахстанера цIа вогIуш, зударийн чухула юху хIуманаш еана цо шортта. Импортан хIуманаш, чIогIа хаза а йолуш. XIapa гуьйре ю, хаза мехкарий марлун хан. Бедарш оьшурш ша волчу цIа хьийсабахьара, боху Куршаба.

— Дика ду. Кхийти со, — тешийра иза йохкархочо.
— Десара, делахь иза. Базара яхьа эхь хета цунна уьш. Ткъа ахча цунна чIогIа оьшу. Зуда яло гIерташ ма ву и. Айхьа цига хьажочуьнга хьуо ма йийца а ала. Кхин цхьаъ а ду хьуна. Шен хIумма а яц, бохуш, къийлалур ву хьуна и юьхьанца. Милицис Цхьаъ хьажавахь а, аьлла. Хьуна хаа ма хаьий, цкъа хозмагехь вага ма ваьгна и. Къар ма ло, ала зударшка, тIаккхий бен юхкур яц цо царна хьалха шайл хаза кхин хIума хила йиш йоцу хIуманаш. Мегар дуй?

— Мегар ду, — гIиллакхе жоп делира йохкархочо.
ШоллагIчу Iуьйранна Куршаб сама ша ца велира. Иза самаваьккхира цхьамма неI тохаро. TIe хIуманаш а юьйхина, араволуш, сени чохь цхьа евзаш йоцу, стомма, дика юхаелла зуда кхийтира цунна дуьхьала.

— Чоьхьаяла, — элира Куршаба гIиллакхана.
— ХIан-хIа, баркалла, со башха хьелур яц, — сецира зуда. TIаккxa эхье тIетуьйхира: — Луларчу юьртара ю со. Хьуна ца йовза а мега. Сан майрачун цIе Iумарболат ю. ГIалмакхойн махкахь жашца ву и. Ас деана гIуллакх хIун ду хьуна аьлча, йоI ю сан кестта маре йоьдуш...
Кьийлалора зуда, тIе долчух Куршаб ша кхетаре сатуьйсуш.. Амма Куршаб кхета ца туьгура. Селхана Iеласолтас хIоттийнчу маларо хьере бина корта, лозуш, эккха боллура цуьнан. Цул совнаха, ноябран Iуьйранна когаш Iуьйра сени чохь латтаро а баш¬ха там ца лора. Минотехь гергга зудчо ша деана гIуллакх дийцаре а хьежна!
— Мила ю хьан йоI? — хаьттира Куршаба.

Хьашт доцуш дина хаттар а хиллера иза, хIунда аьлча, цул тIаьхьарчу пхийтта минотехь зудчо тIетаьIIина шен йоI хестийра Куршабана, цунна: «Соьга маре яла-м ца гIерта-те xIapa и?» — бохург дага а доуьйтуш.
ТIаккха хабар лакъийра зудчо, Куршаба ша юхкуш йолу и исбаьхьа хIуманаш ца хьахайо-те, аьлла. Ткъа Куршабан, цуьнан йоIаний, шений юкъахь цхьаьнадогIург хIун ду, хаа сакIамделлера.

— Ловзар маца хуьлуш ду? — юха а цадогIу хаттар дира цо. Оцу хаттаро, жимма хьалха санна, къамеле яьккхира нускалан чамданаш шен хеннахь вовшахкхета яхкарх дегайовхо кхоллаелла зуда.
— Кестта хуьлуш дера ду. Герггарчу хенахь. Оьшуш лоьхуш, когех йоллуш дера йоллу со. Хьо ма-кхеттара, цхьайолу хIуманаш цкъачунна вовшахкхетаза ю сан... — бехке елакъежира зуда.
Цкъа аьрру ког аьттучунна тIе биллина, иза бох а бина, тIаккха аьтту ког аьрручунна тIе баьккхира Куршаба.

— Ткъа и шун нуц хила гIертарг... сан гергарчех-м вац иза? — дегабаамах ларлуш, хаьттира Куршаба кхозлагIа а.
— Суна-м дера ца хаьа, — догмола хилира ша ала гIертачунна Куршаба пебеттар ца тайна зуда. — Цхьанхьа Теркал декьахь вехаш ву-кх и. ЦIера кхузара хила а мега.
Шина кого хIинца вовшийн бох ца бора, Дерриг дегI а эго даьллера. Нохчийн Iедалехь ша деана гIуллакх хьешо ша хьахадаллац цу хьокъехь хоттуш дацахь а, хIинца кхин детта са ца хи¬лира Куршабан.

— Ткьа ас хIун дан деза?!
— Суна-м, хьо хьуо кхетта хир ву, моьттура, — «мотт баьстира» зудчо. — Ахь, Казахстанера цIа вогIуш, цхьацца хIуманаш еана, бохуш ма хезнера суна... Сох кхера цаоьшу хьуна, ас цхьаьнгге а дуьйцур ма дац. Шен-шен кепара сискал яккха гIepташ воллу массо а. Деккъа алапица вахалур вац хIинца. Юхкург хIуъа хилча а, хIун бен ду, ахча хилчахьана. Нийса ца бах ас? Ас хьуна дика ахча а лур ду, хIуманаш дика елахь...
Эгочуьра сецира Куршабан дегI. ХIинца когаш шеллун а ца хаалора цунна. Хьешо бохучух ша кхетарца цхьаьна Iеласолта дагавеара. «Вуьйр ма ву ас и!» — сацийра цо шен дагахь, ткъа зурче доцца элира:

— Уьш цхьамма бина бегаш бу. XIe-xIe... Зударийн хIуманаш сан ян а яц, я хилла а яц! Хьо тешна цунах? Хьуна, хIун, ас цхьана хенахь хозмагехь яйшший, тесашший доьхкина хилча, хIинца хIуъа а юхкур ю-м ца моьтту? Ян сан хIумма а!
Стенна делахь а, зуда дIаяха ца туьгура. Йоьхна а, дехаре а хьоьжура иза Куршабе.
— ГIаш схьа ма гIиртина со... Ма догйовха яра хьох... Сох ца теша-те хьо?
— Хьо текхаш еанехь, тIаккха а яц-кх сан и ахь-юьйцу хIуманаш! Кхийтин хьо? — мохь хьаьккхира Куршаба, гIиллакх-оьздангалла а йицйина.
— Хили елара хьан уьш, — доккха садаьккхира зудчо, амма ша дIаяха сих ца лора.
— Вайн КъорIанор, ян ма яц! — кхачам боллуш хадийра Кур¬шаба.
Зуда дIайоьдуш яцара.

— ХIай, зуда, схьада КъорIан! Ас цу тIехь дуй буу-кх хьу¬на! — Аз дегадора Куршабан. Ша йолччохь латта йисира хьаша тIаккха а.
— Делахь-хIета, сайн турси йохкий ас хьуна? ХIинцца хьуна хьалхха схьа а яккхий, йохкий ас хьуна xIapa?! — yгIa велира Куршаб, борчах чоьхьа куьг даьхьна, пха хьала а озош. ХIинца цо динарг доккха тоьшалла хитира зудчунна, цундела кех яла сихо а йира цо.
Амма толам базбан хьалхе хиллера Куршабана хIинца а. ТIаьхьий-хьалхий схьахIуьттура и волчу зударий, Казахстанера деана чухула духу импортан духар дохкар доьхуш.
Цкъа юьхьанца, дералла совъюьйлуш, лоьхкура Куршаба богIy зударий шен кертара. ТIаьхьо, дийнахь къайла а вуьйлуш, буьйса кIаргдучу хенахь цIа эха велира. Амма наггахь тIаккха а карайора цунна кертахь ша цIа варе хьоьжуш Iаш цхьаъ-шиъ зуда.

Мутуш а вацара паргIата Iаш. Республикан массо а базаршкахула чекхвуьйлура иза, Хухуртахь мел луьрачу стагана а товр йолу зударийн духарш духкуш цхьа стаг ву, бохуш...
Хан-зама яларца Куршабан «клиентура» къомаллехь а, хьолаллехь а гуттара шоръелира. Цхьа зуда, цо ша бахарехь, ураатталла Ашхабадера а еара хIаваакеманахь. Куршаб шех ца тешча, кеманан билет а хилира цуьнгахь гайта. Муьлхха а цецваккхал ахча лур дара ша, бохура цо, шена башха ца луучу хьежа ваьллачу майрачун ширбелла безам карлабоккху йолу и тамашийна хIуманаш шена йохкахь.

Деллахьа, ма бакъ хилла-кх, цхьа вон доцуш дика а ца хуьлу, баьхнарг! Ашхабадера еанчу эцархочуьнца ша оьгIазе къамел деш лаьттачу хенахь цхьа хIума дагадеара кхетамца талха гена воцчу Куршабана. Ирсе ойла яра иза. Коьрта чохь го а баьккхина, сихха матта тIe йоьссира:

— Чухула юху хIуманаш яц. Амма цхьа буц-м ю...
— Буц а мегар яра-кх! Делан дуьхьа, цхьа хIума йоцуш дIа ма хьажаяхьара ахь со! — дийхира хьешо.
—Делахь, ахь кхузахь собар де. Со хIинцца схьавогIу хьуна, — аьлла, аравелира Куршаб.
Ша цхьанне а го — ца го а хьаьжна" цIийнан маьIIера бIаран цхьа-ши гIa схьаэцна, уьш кераюккъехь хьакха а дина, xIyp газета юкъа хьарчийна, вухавеара иза.
— ХIан, — элира цо. —XIapa xIyp жим-жимма жижиган даарна юкъа тийса беза хьуна. Цхьана шарна тоьъург. Даар чIогIа мерза хила дезаш а ду. Кхунах оьшу дарба хилийтархьама, хьо хьуо самукъане, елаелла-екхаелла, дегIана цIена хила еза даима а. Майрачунна дуьхьала дош ца дохьуш. Нагахь кхуо дарба ца дой — кхин цкъа а йола. ТIаккха ас кхин буц лур ю хьуна.
Йоккхаерна бIаьргех хиш девлира зудчунна. Комаьршша ахча а делла, дIаяхара иза. Куршаб «дарбане» бецашший, хий кечдан волавелира. Цунна дагадеанарг дукхе-дукха санехь гIуллакх хиллера!



XVIII-гIa КОРТА

Хазалла цIе яхана Лолита ядорца доьзна инзаре дов даларан бахьанехь иттех стаг тайп-тайпанчу лагерьшка дIасахьажийначул тIаьхьа, шен-шен сингаттамаш биссира ненан, йоьIан дегнашка. Амма ненан сагатдийраш «баха хуучу» нехан кхолламашший, йоI маре ехаран машаречу дийцаршкахь берзаза бисина Iоттабаккхаммий хиллехь, йоIана Iеткъарг эхь-иман дайна Акхболат вара, ша дIа а тесна, и «Iаспар» Элина дагайоьхна лелаш волу. Нанна дуьхьала лен елира Лолита. Ткъа нанас цунна тIехбеттамаш бора, мел шена ден дика ца хуу йохканча ю, хаахьара, нах и йолчу агIорахьа хьовса а хьовсур бацара, бохуш. Цуьнан дегI кхолу исбаьхьа хIуманаш ерриге а ша цIийций, хьацарций доккхучу ахчанах эцна ю а, кегий нах и йига гIертаран бахьана цуьнан ненан стоммачу бохче сатийсар ду а, олий тIе а тухура.

ТIаьхьарчу хенахь и девнаш тIех ирачу битаме дирзина. Ло¬лита, забарина а доцуш, ненан кхерч дIатаса дагахь хьаьвзира. «Гуш и йоцчу мичча эккха а кийча ю со», — боху къамел а хазийнера цо. «И» бохург нана яра. Хьал хийца ца лахь, ша-шен юьйр ю ша, аьлла дIахьедар а динера.

ТIаккха кхийтира нана, мел къиза хила тарло цу девнийн тIаьхье. ЙоIана хьалха гор а йоьжна, мела ладар хилла йилхира иза. Цу сарахь къинхетамечу Кесирас йоIана дош а делира, ша цунна шегга майра харжийта маршо ло, аьлла. И «перспекти¬ва» чIогIа тайра Лолитина. Шен дагахь «мелхаллийн мехаш» карла а баьхна, къинтIераелира иза нанна.
И хиламаш кхихкинчул тIаьхьа еара Лолита республикехь уггаре яккхийчех цхьаъ йолчу баккхалийн базара. Кхузахь и гира Iазап ловш схьавогIуш а, амма керлачу кхоллараллин Iалашонаша серлаваьккхина а волчу Куршабана.

Ша долийнчу керлачу, шайхаллех терачу гIуллакхо шеен хIусаме ахчанан татолаш хьолхуьйтур хиларх а, оцо шена ,гIараяьллачу спекулянткин цхьаъ бен йоцчу йоьIан мел баккхий лехамаш кхочушбан таро лург хиларх а дог тешна вара иза.
— Лолита, хьо яц и?! Деллахьа, ма ца моьттура суна, хьо сайна кхузахь гур ю!— хазахийтира цунна.

— Со-м кхузахь кест-кеста хуьлу, — жоп делира йоIа, цуьрриг а озаялар доцуш. — Хьо дуьххьара веана хир ву? Зударийн чу¬хула юхурш йохка веана хьо? Я кхин хIуманаш юхкуш ву?
Бос бедира къонахчун юьхьа тIepa. Амма шен дерриг а дахар хIокху цхьаьнакхетарх дозуш хиларо сихха меттавалийра иза.

— ХIан, хьуна а хезна и? — бехке велакъежира Куршаб. — Ткъа и дерриге а муха кхолладелла, хаьий хьуна? Накъосташца цхьаьна цкъа Павлодарехь туькана ваханера со. Цхьа стаг цу юхь вевзачух тера ма хийти суна. ДIахьаьжча, Мутуш ву-кх шен зудчунна чухула юху бедарш оьцуш воллуш. Бегаш ца бича ма ца Iавели со. Ткъа цо шен дагахь сацам бина хилла-кх, цIа мa-кхеччи, и хIуманаш ас эцна, аьлла, эладита даржо. Хьуна ма хаьий, Лолита, со ахчанан дуьхьа хIуъа а дан резачех воцийла. Делахь а Мутушана бехк а ца буьллу ас-м. Шен зуда чIогIа дукхаезаш ма ву и. Цунна муьтIахь а ву.


XIopa дийнахь и йийцар бен хIума дацара. Наб а-м дера ца кхетара цунна, цкъа цуьнан суьрте ца хьаьжча. Бакъду, цкъ-а шайн гIайгIа-бала-м бовзийтира цо суна. Бераш доцуш ду и шиъ. Цундела ханна кхин цхьа зуда яло да¬гахь ву Мутуш. Цо бер ма-диннехь, и йита а йитина, бер шен хьалха ялийнчу зудче кхиадайтархьама. Цуьнца цу хьокъехь дага а ваьлла куц ду... Ой, уьш хIунда буьйцу ас хьуна?! Цулла а ваьшшиъ дийца вайшимма, Лолита! Тешалахь, хьомсарниг, суначул хьуо езаш майра хьан а, асчул дика дола деш нуц хьан ненан а хир ма вац!

Лолита ехха Iийра йистхилар доцуш, цхьа тамашийна eлa a къежаш. Цкъа а ца деттаделлачу кепара масделла детталора Куршабан дог. ХIинций-хIинций хан юьллу-кх шена, хIинций-хIинций олу-кх цу жимачу, хазачу йоIа, ша ненан хIусамах маца къаьстар ю, шен кхоллам схьа маца кховдор бу, бохуш Iapa иза.. И базарам де чекхдаллалц йоIана тIаьхьара ца волуш лийлира Куршаб. Эххар а, йистхилира важа:
— Оршотан дийнахь Хьеречу Чахчаре йогIyp ю
со, — олуш. —
Делкъе хуьлуш.
Ша лаьмнел лакха волуш, мархел лакха волуш, малхал лакха волуш, дуьненан да хуьлуш хийтира Куршабана. ДIасалела адамаш, машенаш, базар — и дерриге а тайнигел башха дацара цунна хIинца. Кхин хIумма а дацара кху доккхачу дуьненахь, ХIарий, Изий, нуьцкъала Безаммий бен.

* * *

Ирсе Куршаб, Iодика а йина, къайлаволлушехь, Лолитина улло, лаьттах воьгIча санна, схьахIоьттира Акхболат.
— XIapa кхоалгIа базар телли-кх ас, хьо лоьхуш, — халла элира цо, вехьа а вехьаш. — Сийсара кхечи со Москвара цIа. Вайшиъ дистхила дезаш ду. Хьо дерригенах а кхето лаьа суна?
— Ца оьшу со кхето. Суна дерриг а хууш ду. Хьайн студентка йолчу гIyo хьо, — хадийра Лолитас.
— Нагахь оьшуш хилахь, гIo дан гIертара со цу студенткина. Вайн къомах ма ю и. Йиша ма хетара суна и! Тешахьа!
— Iадйитал со! Ас цхьа зуда лоьху. Хьо новкъа ву суна.
— Юьтийла дац сан хьо. Хьо езаш леш ма воллу со! Ас дош делла хьо яло!
— Маца? — хIиллане хаьттира йоIа.
— «Маца» бохург хIун ду?
— Маца йига гIерта хьо со?
— Тахана а! ХIинцца а!
— ХIинцца гIуллакх хир дац.
— Ткъа маца хир ду?
— Хухурта дIакхаччале йолу чахчар мичхьа ю, хаьий хьуна? Хьере Чахчар?
— Хаьа!
— Оршотан дийнахь делкъахь цига вола. Со а йогIур ю хьуна.
— Боккъаллий?!
— Кху хIуманца забарш еш хуьлу, тов? Варийлахь, тIаьхьа ма висалахь. Со кхечуьнга дIайигийта гIерташ бу хьуна!
— ХIай, дела! Суна хьо тахана кху базарахь ца карийнехьара, суна хуьлуш хилларг! Лийр вара со, сайна хьо маре яхана, аьлла хезнехь. Со кхочур ву хьуна, хьомениг! Нагахь хIетале ирс совдаларна вала ца лахь!

*  *  *

Мутуш а ца хьевелира гучувала. Бакъду, базарахь а доцуш, шоллагIчу дийнахь шовданан коьртехь веара и тIе.
— Дукха хан яра ас кху сохьте сатуьйсу, — дIадолийра Му¬туша шен къамел. — Гуьйренан ловзарийн хан схьакхечи. Вайшимма а хIоттийча хIун дара-те, хьомсара Лолита, ваьшшиннан ловзар?

— Вайшимма, хIун, барт-м ца бинера? — хIиллане хаьттира-йоIа.
— Вайшимма-м ца бинера. Амма хьан ненаца ма хилла сан и барт! Ой, цо дийца ца дийцира хьуна? Со леррина вайна шортта ахча даккха ма ваханера! Тешалахь сох, хьомсараниг, оьшуш хIума доцуш дехар ду хьуна вай! Хьан нанна муьтIахь кIант а, хьуна тешаме майра а хир ву хьуна со!
— Ткъа хьайн зудчунна мила хир ву хьо? — хаьттира Лолитас, Мутуш вохо дагахь. Амма Мутуш, цо и хаттар дийр дуйла хууш, жоп дала хьалххе кечвелла хилира.
— Зуда юьтур ю ас... тахханехь... ахь «хIаъ» ма-элли!
— Дийцахьа, хIунда, нагахь и айхьа лечкъош дацахь.
— Не сходимся характерами! — оьрсийн маттахь курра жоп делира Мутуша. И дешнаш цо хьалххе Iамийна а дара, цунна хетарехь, уьш цхьа Iилманан xIo кхетта а дара. Цара дерриге а шен-шен мете хIотто декхар ду, аьлла хетара цунна.
— Ткъа вайшиннан амалш цхьаьнайогIур ю, хIунда моьтту хьуна? — хаьттира Лолитас юха а.

— О-о! Сан хьомениг! Сан хьомсарниг! Сан доллу хIума а догIyp ду хьуна хьоьца! Хьан xIopa дош суна закон хир ду! Хьан муьлхха лаам кхочушхилла хир бу! Хьуна лай а, ваша а, тIаламе да а хир ву со! Кху лаьтта тIехь цхьана а стагана цхьа а зуда а на езнначу кепара езаш кхобур ю ас хьо! Кху Хухуртахь угаре ирсе зуда йийр ю ас хьох! ХIан-хIа, кху районехь а... хIан-хIа, махкахь а... хIан-хIа, дуьненахь а уггаре ирсе!
Ла а доьгIуш, елакъежара Лолита. Тамашийна елакъежара, шайн безам балхийнчу вукху шинна санна. Шена кхето луучу кепара кхетийра цуьнан и елакъежар Мутуша. Лолитина кIордо долийра цуьнан хьеставалар.

— Дика ду, — элира цо. — ЙогIу со хьоьга маре. Амма зуда ДIаяхийта сих ма ло. Кхуьур хьо и дан.
ГIеххьа воьхна хилира Мутуш. Шена хезначух теша, ца лора и. Къайллаха дIасахьаьжира: цхьа а вац-те оцу дешнийн теш xIoттa? Цхьа а хила а ца хилла, ларваларца хаьттира цо!
— М-муха элира ахь?
— Хьоьга маре со йогIу. Хьеречу Чахчаре вола оршотан дийнахь делкъахь.
ТIедоьссинчу ирсо вохийначуьра Мутуш меттаваре а ца хьоьжуш, меллаша шен ведарш схьаэцна, дегнаш ловзадохучу шен боларца цIехьа йолаелира Лолита, шен къоначу, ховхачу дегIан хаза меженаш а егош...
Малх чубуза лахбелла хIунда боьду-те аьлла, цецвелира Му¬туш. Схьакхеташ хила ма безара и! Маж а делла, охьа хIунда

оьгу-те тIаьххьара гIаш, хIунда Iаржло-те, Iорадуьйлуш, диттийн
генаш? Массо дитташа, массо бошмаша хIинццехь, хIоккху минотехь зазадаккха ма дезара! Массо а довхачу мехкашкарчу. олхазарша, кху декъала хиллачу Хухурта схьа а гулделла, шайн
уггаре исбаьхьа эшарш йоло ма езара! Зевне дека дезара бIаьстенан, шовданаш, делладала дезара бес-бесара зезагаш, лепа доладала дезара стелаIад! ХIундда делахь а, хуьлуш бацара дуьненахь и хийцамаш, иза Мутуша Iаламна геч а дира: цуьнан
даг чохь и дерриге а дIахIоьттинера. «Хир ду дерриге a! XIopa хIуманан шен-шен хан ю, — кхетаме берзам бира цо. — Коьрта дерг— Лолита хIинца сан хилар ду! Сан дог, сан цIазам, caн жима йоI!!!»

Шен дагахь цо обанаш бохура импортан шампунан, IатIарийн башха хьожанаш ийначу цуьнан мееашна, логана...
Ирсо вахийна Мутуш хууш вацара, ша мича aгIop гIyo, ша муха сатоха и оршотан делкъе тIекхаччалц.

*  *  *

Башха цецъялар доцуш, амма боккхачу сингаттамца дийшира вуно деха, шийтта aгIo дIалоцуш хьехархочо-филолого Руслана шега даийтина кехат. Доцца, гIуллакхаллин жоп а делира цунна:
«Нагахь хьуо боккъалла а со езаш велахь, оршотан делкъахь Хьеречу Чахчаре вола. Хьоьга маре ян реза ю со».

Руслан цкъа хьалха чIогIа воьхна хьаьвзира. Тешна-м дера вара и шен дехачу, хьекъалх доьттина долчу кехато цхьа Iаткъам ца бан амал дацарх, амма иза сел сихий, сел ткъесей хир ду, аьлла моьттина вацара.
Мухха делахь а, кху аьхка чIогIа эшам хиллий, торхах кхоьзний, тIулгех кхетта доьхна даржжаза дисина цуьнан ша-шех бIоболар хIинца меттахоьттинера. Шен мацахлеррачу доьналлица ойланашка велира иза, машен йолчу накъостех шеца ша мила вига-те, бохуш. Ширачу заманашкара дуьйна схьадогIуш ма дара нускал я динахь, я ворданахь, я — тIаьхьарчу хенахь къаьсттина— машенахь далор. Машен — жиманиг хилар сийлахь а долуш.
Бехха литтира Руслана ойланашкахь шен    бевза-безарш. Накъост мегаш хилча, цуьнан машен ца мегара. Машен мегаш хил-цуьнан да тоаме ца хуьлура.

Зуда яло хьаьгначу жимачу стагана цIеххьана дагавеара лесхозан хьун кхоьхьучу машенна тIехь болх беш волу шен ненахо. Юьхьарлаьцначу гIуллакха тIехь цул диках накъост хуьлийла а дацара. Йоккха-м дера ю цуьнан машен, делахь а тешаме ю. ХIорш кхоъ тарлур ду кабини чу. Дагна аьхна а хир ду, Машен хIун бен ю... Коьртаниг — безам бу! И ойланаш а йина, диллина де тIекхочучу хьалхарчу дийнахь Iеласолтина кхана дIасавалар дихкира Руслана.

*  *  *

Ура-атталла цхьана еакIовчу чаккхарми тIехь мел дукха а масех стаг бен ца ваьхначу ширачу заманашкахь дуьйна дика хууш ду, хIун ду дуьненахь уггаре сиха хьекъарг. Ткъа ваха-ван таронаш шоръеллий, зIенаш, барта пропаганда дIасаяьржиний, адам лустделлий йолу вайн зама-м йийца а ца оьшу. ХIаъ, хабарш ду дуьненахь уггаре сиха хьекъаш, кIеж туьйсуш, Iана оьхуш!

 Хухуртара исбаьхьа Лолита оршотан дийнахь маре йоьдуш хиларан хьокъехь даьржина хабар меттигерчу райпон кхачанан сурсатийн складан кевне а кхечира. Хетарехь, кхузахь и хабар баш¬ха лорах а хьокхург хир дацара, нагахь санна, хьинца а кхачозачу апарешкахула йорт а йиттина, нанас шен Борза кхуза грузчикан балха ваьккхина ца хиллехьара, хан арахь такхаре а ваьккхина.

Хила тарделлачуьнга хьаьжча, шен хьал башха вон а ца хетара Борзина кхузахь, делахь а цуьнан дог, стенна делахь а. Хухуртахьа дIагIертара, цига гIертарх даьлла беркат дацахь а.
Хууш ма-хиллара, грузчикаш дог-ойланийн оьздангаллица баш¬ха тIех билгалбуьйлуш нах бац, ткъа цара и шайн дог-ойланаш ах литр чуйоьдучу шишанашкарчу тIуналлица лийчийча-м — муххале а. Ткъа цецдийла оьший, тов, тIаккха вай, лохочу дегIахьчу, гайн тIингар схьаеанчу цхьана грузчико, цхьа стака ша дIа мадьаккхинехь, Борзега:
— Хезний хьуна, хьан жима олхазар оршотан дийнахь «тю-тю» ... дIадуьгу, бохуш? — аьлча?
— ХIун олхазар? Мича — сакхвелира Борза.

— Хьуна хьайна ца хаьа, хаза мехкарий мича буьгу? Хьуо мича йига гIоьртинера хьо иза?
— «ХIун дан юьгуш яра?» — алахьа! — къамелана юкъавуьйлира дукха мийларо легаш гIаргIдина кхин цхьа оза грузчик. Райпон бахаман гIишлошна тIехула дIасакхерстира кхардаме беларш.
ХIун?! Хухуртара Лолита маре йоьдуш ю?! — кхийтира Борза шега къедочух. Лаьхьано лаьцча санна, хьалаиккхира иза.

— XIай-хIай! Нийса кхийти! Машенна чу хаош, айхьа цкъа хьакхийча, хьуо дага а воьхна, леш йоллу-м да моьтту хьуна и, хьайгий бен маре а ца йогIуш?   
— Хьа-хьа-хьа!.. — даьржира кертахь юха а.
Тойнехь кхин ца хьелуш, тIаьхьа накъосташа детта маьхьарий а хезаш, кех велира Борза.
Оццу буса автолавкин шоферца барт а бира цо — оршотан де шеца Хухуртахь даккхийта.
Ша цига вахарх хин долчун а, цигахь ша лелон долчун а ойла ян ца лаьара цунна. Ца хаьара, Лолитин маре яхарна новкъарло ша муха йийр ю а. Амма, куьйгаш охьа а дахийтина, хIумма а ца деш Iан а ца лаьара. Дагна жимма тем лург — ша цига гIyриг хилар дара.

ХIХ-гIа КОРТА

Iуьйранна бархI сахьт даьллера, тийначу гуьйренан Хухуртах чу райпон сийна автолавка юлуш. Шоферна уллохь миндара тIexь Iачу Борзас дуьхьала беттадучу баккхийчех шен юьхь лечкъайора, хьалхо цкъа шегара даьллачунна бехкала эхахь а, я керлачу хиламехь ларлахь а.
Эдинчу товарийн меттигерчу туьканахь Борзина чIогIа къайлаха дийцира Лолитин маре яхар Хьеречу Чахчарехь нисдала дезаш хиларх лаьцна. И ирс хиллачун цIе билгал ца елира, хIунда аьлча, наха цIе ца йоккхуш цхьа а ца витира.
Сихха кабини чу а хиъна:

— Хьеречу Чахчаре дIаяхийта! — буьйр дира Борзас.
Борзас ма-гайттара, машен некъан йистерчу    Iинна тIеххула, чахчарна гергахь дIа а хIоттийна, шаьш лелочун Iалашо хаа гIоьртира шофер-йохкархо. Амма Борза, шага-тIулг санна, тийний, гуьйренан тарх санна, кхоьлиний Iapa. Хьеречу Чахчаран шийла цинцаш детталун уллора тарх санна.
Хеттарш дар эрна хиларх а кхетта, шоферо, газета а даржийна, миндаран гIовланна тIехьара шиша схьадаьккхира.

Вист дIа ца хуьлуш муьйлура шиммо а. Шен-шен ойланашка а кIаргвелла. Шоферо-йохкархочо бохура шен дагахь: «Деллахьа, цхьанне а ма хаахьара ас кху деношкахь индийски чай а, япон¬ски куртканаш а, чешски мачаш а, дохнан фермашкарчу сийлахь-чу къинхьегамхошна ца юхкуш, кхечу нахана йохкар!» Уьш цо йоьхкинера хийрачу адамашна, шен деган хьаналалла эшаран барамехь мехаш тIе а детташ. Шена сил дукха езаелла хаза йоI кхечу, хийрачу стеган дола яларна хIун новкъарло хир яра-те ян, бохура Борзин ойланаша.
Чахчаран бIаьра хьаьжжинчохь Iapa Борза. Вистхилар кIезиг долуш, доьIу са а сецош. Шен тидамна цхьаъ тIехтиларна кхоьруш санна.

Меллаша шийтта сохьтан зилана герга гIоьртира цамзанаш. Жимма набаро хьаша волийна шофер-йохкархо цIеххьана цхьаннан «хар-хиро» самаваьккхира. Кабини чохь цунна уллохь дIатаьIначу Борзин кийрара юьйлуш хиллера и нуьцкъала гIов. Ша мел дIасаветтарх, самавалар-м хьовха, «хар-хир» сацо а ца туьгура и. Шоферна дагадеара цо шега, ша сийсара наб йина а вац, алар.
 Цундела, цу тIе шаьшшимма литр къаьркъа дIадаьккхина а хилча, и самаваккха гIертар    эрна хиларх кхийтира и.
ЦIа ваха дог хилира шоферан, Борза дIа а кхетош. Амма, цо
шега селхана велхха воллуш дина дехарш, дукхе-дукха чIогIа доккхачу гIуллакхан хьокъехь баьхнарш дага а даьхкина, дIаваха ца хIуттуш висира.
Борзин турпалчу «хар-хиро» корийн бIаьргашна тIе хьацар тоьхнера. Цуьнца цхьаьна кабини чохь Iap тIаьхь-тIаьхьа халонга долуш лаьттара.
Машен жимма юханехьа а яьккхина, автотуьканан неIарш дIайиллина, мах бан хIоьттира вехна шофер.

ТIехбийраш ца совцуш тIех ца буьйлура, кхузахь духкург «цIена доцу», делахь-хIета дика а, дораха а товар хила деза, олий.
Цкъа хьалха лафетаца «Кировец» сецира Хьеречу Чахчарехь. ТIаккха — гIудалкхаца йолу мотоцикл а, «Победа» а. Мотоцикл дIаяхара, амма схьахIоьттира «Жигули», автокранний. Кхуззахь сецира чохь туристаш болу автобус а. Автолавкина хьалха paгI хIоьттира. ТIетаьIIина дIаоьцура гуьржийн чай а, чо болу гатанаш а, хIуманаш юьтту xIyp а, резинкин эткаш а, гоьнаш а, «Ростов» цигаьркаш а.

СхьахIуьттучу машенашлахь цхьаннан а башха тидам а ца хилира къагош йилинчу «ГАЗ-24» марка йолчу Iаьржачу «Вол¬гин». Цуьнан ах охьадахийтинчу корех ара, гулделлачу адамашка цабашаре хьуьйсуш, мафиозийша санна, шек дIа бацарца цигаьркийн кIур бетташ Iapa божарийн тайпа цхьа нах. Царах цхьаъ вовзуьйтура хьаьрсачу, Казахстанан аренашкахь басадевллачу мекхаший, кхоьлинчу бIаьргийн цицигачух сихачу кхерстарой. Шеко йоццуш, Куршаб вара иза. Ткъа вуьш — Теркал дехьарчу генарчу мехкашкара шайн тайпанан стагана гIоьнна баьхкина цуьнан гергара нах бара.

Кхин цхьа машен а еара тIе — дикачех йолу цIечу басахь «Жигули». Iаьржачу «Волги» чохь Iаш волу Куршаб ша волччохь тохавелира, и машен йовза а евзина.
— XIapa дара хьуна хIинца хилаза дисинарг! — элира цо, цигаьркин кIуьро мажйина шен цергаш дера хьакха а еш.
— Мила ву и? — хаьттира накъосташа.
— Мутуш дера ву! — туйнаш кхоьссира Куршаба.
— И, хIун, вайна новкъарло ян тарлуш ву? ДIахьажаве вай и? — юкъадалор дира цхьамма.

— Жимма собар дер вай? Ша ца воьду-те дIа? — Куршаба а
аьлла, хуьлучуьнга хьийса  хIиттира   уьш.

ХIинццалц ца хуьлучохь сел дукха гулъелла машенаш гуш, кабинаш чуьра а, ялкханаш чуьра а охьалелхаш, Iинехьа схьауьдура адамаш: «Iинах мила вахана? Дийна ву я велла? Шен машенахь вахана я пачхьалкхачунна тIехь вахана?» — бохуш. Бердах вахана а, я аьрташха лазийна а цхьа а воцийла а ***й, автолавкина тIебогIий, тIаккха, буха а боьрзий, дIабоьлхура нах. Ав¬толавки чохь товарех йисинарг кхо гоь яра хIинца.
Кестта схьахIоьттира ханнех йоьттина хьун кхоьхьу машен а. Дукха сиха хиларна, ненахочуьнга ура-атталла машен а ца яссаяйтинера Руслана.

Кабини чуьра каде чу а иккхина, новкъахула дIа-схьа велира Руслан, машенашка бIаьрг бетташ, царах цхьанна чохь ша схьакхачаре хьоьжуш шен «педагогически» дагна хьоме Лолита хиларе сатесна. Кара а ца йина, юха кабини чу хьалаваьлла, Iеласолтица цхьаьна хьежа велира иза, шен даго хаьржинарг йогIург хиларх цуьрриг а шек а воцуш.
Яхъяла юьйлаелира сатийсаман миноташ. «Куьг бехкенаш» некъан ший a aгIo а, вовшийн а тергалбеш Iapa.

Ia а ца велла, воьссина, курачу боларца автолавкина тIевахара Мутуш.
— Оссолом Iалийкум! ХIун юхкуш ву хьо къонах?
—Гоьнаш.
— Дукха йисиний хьан уьш?
— Кхоъ бен ца йисина.
— Уьш дIайоьхкина  ваьлча, кхузара дIавоьдий хьо?
— Воьду дера-кх.
— Делахь, схьайтал цхьа гоь.
ДогIург дIа а делла, шен машенехьа дIаволавелира Мутуш, пхьаьрса кIел гоь а йоьллина.
— ХIинца мукъана дIа хIунда ца воьду xIapa шен гоьнаца? — оьгIазъоьхура Куршаб.
Автолавкина уллохь paгI кхин да хIуьттура. ТIехъюьйлучу машенаш тIерачу адамаша, кабинийн а, салонийн а корех ара а кхийдаш, бохам-м ца хилла-те, шайгара хIун гIo оьшу, хоьттуш, дуьхьала оьгIазе «xIaн-xIa» а хезий, сихха дIабоьлхура...

Хьеречу Чахчарна уллорчу жима чу майданахь хIинца йиси¬нарг йиъ машен бен яцара: Куршабий, цуьнан накъосташий ялийна «Волгий», цхьана стагаца Мутуш чохь Iен «Жигулий» Руслан валош еана Iеласолтин хьун кхоьхьурггий, важа райпон автолавкий. Лаьххьарчунна тIехь, кIел ши гоь а тесна, хиъна Iара шофер-йохкархо, важа машенаш дIа хIунда ца йоьлху, ца кхеташ. Кабини чохь, набаран торах марзо оьцуш, «хар-хир» деш Iуьллура арахь яккха хан тоьхна волу грузчик Борза.

Яхлуш лаьттара хан. Сохьтан жима цамза хГазаран аьтту агIорхьа гIертара.
Уггаре хьалха шеквала Iеласолта велира, Русланан накъост.
— Дика Нуллакхца хета суна xIapa, — элира цо, доккха са а даьккхина.
— ХIун ду хьуна дика цахетарг? — хаа лиира къоначу хье-хархочунна.
— И дIо ши накъост дика вевзина суна кху дIаяханчу аьх-ка, — пклгаца гайтира вукхо Куршаббий, Мутушший. — Лаа бац уьш кхузахь.
«Русланна Лолитас хан йиллинийла а хиъна, кхунна цхьа ямартло ян баьхкиний-те уьш?» — аьлла    хеттера    Iеласолтина.
Кира лелочу машенаций, автолавкиций кIезиг бала бара Кур-шабан. Чохь ши стаг Iачу цIечу «Жигулина» тIе шен дера ши б!аьрг а боьгIна, вулавелла Iapa иза, араиккхина, тIехьаьдда, и шиъ «шайтIанан ненан ненанана» йолчу я бер ца хуьлу Курша-бан зуда йолчу дIахьажо сакIамделла.

Куршаба республикан массо а майIигашкара балийна гергара нах шегара Лолита дIаяккхархьама балийна, аьлла хетаделла, шен карара таллархойн шозза йолу топ тIеттIа qIorIa къийла велира My туш.
Хьасарташ дулалуш лаьттара.

Цхьаъ вукхунна тIе а вахана, вовшийн юкъаметтигаш къасто
дегаза хетара зуда яло арабевллачарна, вовшех ийза а лора уьш, шайн къамел вер-ваккхарца дерзарна кхоьруш.

Амма цхьаьнца девне ца ваьлча тоха са доцчу Куршаба Iотта-баккхам автолавкин шоферца-йохкархочуьнца бораха боьрзур болуш лерира.
— ХIун юхкуш ву хьо кхузахь? — тIевахара иза шина гоьнна тIехь Гачунна, салам а ца луш.
— Хьайна ца го хьуна? Гоьнаш юхкуш ву-кх!
— Муьлхачу интернатехь яачкъийна ахь уьш?
— Хьуна со мила ву моьтту? Хьайна гоь эшахь — эца. Ца оьший — яхийта! — аз айдира шоферо-йохкархочо.

— Бакъо йоцчу меттехь хIунда бо ахь мах?
— Хьан хIун бала бу? Сайна луъучохь бо ас и! — дара жоп.
— Схьагайтал хьайн маршрутан кехаттий, накладнойшший! — ша контролер-инспектор тарвелира Куршабана.

—- Хьо мила ву? Хьайн удострверени схьагайтал ахь! — къар ца велира шофер-йохкархо.
Довхойн маьхьарий тIаьхь-тIаьхьа чIогIа а, къаьсташ а хеза-ра хуьлучуьнга хьуьйсуш Iачарна. Ткъа Мутуша, топ охьа а йил-лина, автолавкина тIевахана, гIиллакхе салам а делла, хилларг хаьттира.

— XIapa хьаьрса мекхаш дерг ву-кх, ОБХСС-н инспектор а
хилла, чугIерташ. К-хуьнан хIун бала    бу, ас хIуъа    йоьхкича а, миччахь йоьхкича а?! — цатам хилла хьийзара    автолавкин да.
— Ткъа хьо хIун деш ву кхузахь, Куршаб?— кIеда хаьттира Мутуша. — Машен-м ца йоьхна хьан?

— ХIаъ, корбюраторна цхьаъ хилла-кх, — аьшпаш боьттира Куршаба, тIаккха шена а иштта чIогIа хаа луург хаьттира: — Ткъа хьан машенна хIун хилла? — аьлла.
— Жимма йохъялар тIехдаьлла-кх, хетарехь. Лата ца ле¬та, —жоп делира Мутуша..
— Теттича хIун дара-те? — гIоьнна кийча хаьттира Куршаба,
— Эшац, ца оьшу. Шелйолуьйтур  ас.
— Лаахь, тIаьхьатаса. Ас дIаозор ю хьуна, — гIo кховдийра автолавкин дас а.
— Ца оьшу. Баркалла. Эшахь, ас эр ду, — жоп делира Му¬туша.
Русланам накъостана Iеласолтина а лиира цара лелочун дуьхе кхиа.
— О-о! ХIорш муьлаш бу суна гурш! Ерриг а бригада-м дера кхетта вовшах. Цхьа Iалавди тIе хилчахьана. Оссолом Iалийкум!— тIевеара иза гулбеллачарна.
— Ва Iалийкум солом! Хьо стен сацийна кхузахь?
— Кране хьоьжуш лаьтта-кх. Ханнаш охьадаееадойла йоцуш, — воха ца вуьйхира Iеласолта. — Ткъа шу стенга хьуьйсу?

— Со мотор ца латалуш лаьтта. Ткъа xIapa, — Куршабан агIорхьа корта тесира Мутуша, — кхуо дийцарехь, корбюраторо болх и а беш.

— Корбюратор чуьра цIан а яй, ас латае мотор? — иркарвелира Iеласолта.
— ХIан-хIа! Ас цхьаъ вахийтина, цо-ян декхар ду керла кор¬бюратор, — доцца хадийра Куршаба.
— Ткъа суна сайн машенан цамгар дика евза. Мотор шелъелла яьлчахьана, хьалалетар йолуш ю, — аьлла, Iеласолта те а ви¬на ,— xIapa милла сенвелларг дIавахийтий вай цулла а, — тIетуьйхира Мутуша. — Ас цхьа гоь эцна кхуьнгара. ХIинца аш а цхьацца эцча, кхуьнан дIавоьдийла  хир ду.
 
— Дика ду, ас оьцу, — схьадаьккхина, автолавки чу ахча кхоьссира Куршаба. — Юха хIумма а яла ца оьшу хьуна, хьо сихха дIавахчахьана, — олуш.
— Хьуна ас xIapa юхкур а яц! — очвелира шофер, когаца ах¬ча лаьтта охьа а ластош.
— ХIунда ца юхкуш ю ахь и суна? — чуьравелира Куршаб. — Хьо мила ву, тов? Хьан хIун бакъо ю и ца йохка?!

— Суна дагавеа хьо. Хухуртахь завхозмаг хилларг ву хьо, велахь а вацахь а. Къоланна тIехь гучу а ваьлла, балхара эккхийнарг. Хьуо санна. лечкъийна хIуманаш юхкуш бу, моьтту хьуна, кхиберш а?!
ЦIеххьана белар иккхина, кIажвахара Iеласолта. И стенах воьлу, кхетта, вела Iенира Мутуш а. Хуьлучух ца кхеташ, вогIавеллачохь лаьттара автолавкин да. Цкъа шега хьожура и, тIаккха гонаха бIаьрг кхарстабора, цу хьасартечу беларх ца кхеталуш. Амма Куршаб-м кхийтира.

 — Шун да валла хьакхица! — мохь белира цуьнга. — Цу зударийн хIуьмалгех лаьцна эладитанаш хьан долийна, суна ца хаьа, моьтту шуна?! Шу хIунда доьлу, ца хаьа, моьтту шуна?! Белла дIаваллалц ас юхкур а ю шуна и зударийн «трусикашший, лифчикашший», ас хIинцца шуна бекхам ца бахь! — олуш, машенехьа, топ схьаэца дIахьаьдира иза.
ГIуллакх вон дерза гIертарх кхетта, Мутуш а, белар а дитина, шен топ схьаэца вахара. Девлира герзаш. Мутуш шен машенна хьалхха охьалахвелира.



Цуьнан «Жигулин» аьтту чкъурган тIомана шинахьа Iуьрг дера даьккхина. Мутушан тоьпан шокъалино «Волгин» ши кор дохийнера — хьалхара а, тIехьара а. Машенаш чохь Iен Куршабан гергарнашший, Мутушаца веана накъосттий, миндарш тIе охьа а эгна, тоьпаш совцаяр доьхуш, маьхьарий хьоькхуш Iохкура. ЦIеххьана меттавеана автолавкин да, неI юххе тIе а къевлина, сихха гоьнна кIел воьлла, дIатебира. Цхьа Iеласолта хилира оцу гIоьртинчу хьолехь, хIуъа дина а, цхьа кхетаме хIума дан доьналлехь. Бохам кхин а гена бала тардалар гуш цо, цига а йигина, тIаме яьллачу тина агIонна нийсса юккъе дIахIоттийра шен ханнех йоьттина йолу Машен.

Кхин цхьацца топ а елира. Хезира аьчган гIаррий, аьнгалийн зоввий. Вукху машенаш чуьра аралилхинчара Куршаберий, Мутушерий тоьпаш схьаехира. Юха а сеца евлира тIехъюьйлу маше¬наш. Боьлхучу зударша, ловзалелхачу бераша, луьра бехкаш дохучу божарша го бира дов даьллачарна. «Лолитина тIехула болийна хилла тIом!» — боху хаам баьржира сихха.
Эшамца тIеман арара дIаваха ца лаьара цхьанна а. Цхьана а дехарига, бохучу бехкаша, милицица туьйсучу    кхерамаша гIo  ца дора.

ТIееана, сецира Хухуртий, Грозней дIасалела рейсан автобус. Юха а, тIекхаьчна, шайн автобуса тIера охьабиссира дайн бIаьхаллин а, къинхьегаман а сийлаллин меттигашкахула экскурси йииа богIурш. Кхолделла хьал уггаре ца оьшуш хеттачара Хухурта хьадалча  вахийтира, Лабазан схьавалаве, аьлла.
Участковичун зуда елира ара, хьадалча кхайкхича. Цхьа «дара-дацар» хилар а хезча, иза Лолитица дозуш хилар а хиъча, даръяларо хьере йина, веанарг нуьцкъашха, бохург санна, теттина, кевнах аратесира цо. ГIовгIа хезна, чуьра араиккхира делкъе ян хиъна Лабазан.
— XIapa xIyн ду? ХIун   ду хилларг? — хаьттира    Лабазана.
— Духкуш хIоаш дуй, хоьттура цо-м, — чIоггIа йистхиларца жоп делира зудчо, дIавоьдучунна а хазийтархьама.
— ХIаъ... хIоаш оьшура... ткъа xIoa, — тIетадира хьадалчас геннара.
— Заготконторе гIyo. Цигахь отчеташкахь котамийн шура а карор ю хьуна! — тIаьхьа мохь туьйхира цунна Лабазана. — Ткъа кхуза леста ца оьшу хьуна. Со суо а воллура маргаринна тIехь кхерзина, гIалара еана картолаш юуш!
Хьадалчас, учасктови цIахь вац, аьлча, кхин шиъ вахийтира молла IабдулвахIаб-Бекар вало, цуьнга мукъана дерзалур дацара-те зудчунна тIехула шина къонахчун даьлла дов, аьлла.
Къена, массара а лоруш волу молла цамгаро лаьцна а карийна, вахийтинчу шимма сацам бира иза кхечу, къоначу, амма доь¬налла а, тIаьхьало а алсам йолчу моллица хийца. Къамел доццуш, цу кепара Хухуртахь а, генна гонаха а Iалавди бен хуьлийла яцара!

Шаьшшиннан сихваларехь шина хьадалчас, xIapa-важа цIе а ца йоккхуш, дов безамна тIехь даьлла хилар хаийтира. Боккъалла а аьлча, цу шинна шайна а ца хаьара хилларг ма-дарра. Воьдуш лаьтташехь, шен дагахь ша цигахь де долу бусалба вежарий деган а, син а цIоналле кхуьйкху, дуьненахь стаг уггаре мекара Iехочу хIуманах — безамах — ларбала нахана доьналла, хьуьнар оьхьу исбаьхьа, хьекъале къамел а кхуллуш воьдура Iалавди ша кхайкхинчу.

«Маж йита еза, —сацам хилира цуьнан. — XIapa сийлахь гIуллакх дIакхехьа оьшу кхидерг дерриг а долуш ду сан. Тоаме доцург — тIекхуьур ду!» ЧIогIа реза вара иза ша наха ура-атталла Хухуртана арахьара девнаш къесто веха волорна.
ДIасатаьIир нах, моллина шуьйрра некъ буьтуш. Адам уггаре
дукъделлачохь сецош ши стаг вара, дарвелла, вовшашна тIеттIакхача гIерташ. И шиъ вара хIинца иманехь, барт-оьздангаллехь нисван везаш.

— Собар! Собар, нах! Молла ву вистхуьлуш! — даьржира
адамах сийсачу майданна тIехула. Тапъаьлла дIатийра массо а.
Шена девнахойн яххьаш а гале, зуламо бохам бина шен суьпаллех буьззина болу корта дIаса а тахкош:

— ХIай, веза-воккха дела! — вистхилира Iалавди. — Ма йистдоза дан а дац-кх хьан собаран, хьан къинхетаман, хьан дикаллин! Хьайн цу цIеначу, сирлачу стиглара чу кху, тхан къинех даьккхинчу, тIеттIа бехлуш догIучу Лаьтта тIехь хьуна ца гуш
хIун дуьсу! Цу тилабеллачарна дуьхьало ян, уьш нийсачу новкъа
хIитто, сонтачу, къилахьчу боларех ларбан ницкъ лолахь тхуна! ХIей, жима ши стаг! Ой, доьналла, сийлалла ца тоьу-те шуьшинна иблисана дуь...
Шина дуьхьалхочух цхьаъ вевзира Iалавдина. Куршабана тIера ши бIаьрг сихха дIа а баьккхина,   Мутушана   улло гIоьртира иза. Вевзира шен бригадир хилларг а. ЦIеххьана хедира цуьнан хьехаман къамел. Ша хьашт доцчу нисвелла хиларх кхийтира молла шал шера. Милла а ийзо магор дара цо шена имане, xIapa шиъий, дIо гена воццуш лаьтта Iеласолтий воцург.

Аз ца долура Iалавдина чуьра. Къоланна тIехь лаьцна къу санна, воьхна, дан хIума доцуш висинера иза.
Суьпа хьехамаш бохьуш веанчу моллина хиллачух уггаре хьалха Куршаб кхийтира. ХIоьттинчу тийналлехь цхьалха дийкира цуьнга иккхина белар. ТIаккха Мутуш а ца Iавелира изза ца дича. Амма, коьрта меттиг Iалавдиссий, Шурпанкассий дIа а лоцуш, «Басбулакх» совхозан кхоалгIачу отделенерачу декнийн боьлакахь аьхка хIоьттина хилла сурт карладаьллачу Мутушан бе¬лар вукхуьнанчул дикка чIогIа а, деха а хилира.

Цхьа минот яьллачул тIаьхьа йоккха гулъеллачу тобанах цхьа дакъа кIажъоьхуш доьлуш дара, гуьйренан тIуьна xIo а Iадийна. Шаьш хIунда боьлу а ца хууш боьлучу наха яьккхина и инзаре гIoвгIa, шайтIанан маьхьарх ийна, Iаннашкахула керчаш, Хухурта дIакхечира. Кегийрачуй, яккхийчуй тобанашца Хьеречу Чахчаре схьахьаьлхира тIаккха цигахь беха нах, берриге а, бохург санна...
Цу дийнахь кхин а бела доьгIна хиллера хухуртахошна. Му¬туш Куршабаца куьйге а вахана, нах дIасабоха бохкучу хенахь, Грознехьара ша ма-яллу чехка хахкаелла еана, чкъургаш а цIовзош, цхьа цIен «Жигули» сецира.

— Бехк ма биллалаш, кхузахь Лолита цIе йолу йоI-м ца хааелира шуна? — хаьттира цу чуьра воьссинчу жимачу стага.
— ХIинццалц кхузахь хьоьга хьоьжуш лаьттира иза, жимма хьалха юьрта цIа яхара. Хьоьга шайга ша дIайига вола а бохура, — элира xIapa дерриге а хууш болчара.
Акхболата Хухурта юьйгIира, нахе дIасатаIар а доьхуш.
Амма уггаре доккха самукъадаьккхира хухуртахойн, хIинцца самаваьлла, кабини чуьра охьавоьссинчу Борзас. БугIано санна, дIасакъерзабора цо шен набарна бистина, бахарх меттабаза ши бIаьрг, ма дела шех, бохуш, доьлу адамаш а чехош.

Ткъа нах боьлура, боьлура. Боьлура, хIунда аьлча, уьш дуьненах сакъералуш а, хьагI-гамо йоцуш а бара. Боьлура, хIунда аьлча, царна хаьара мацца а цкъа дика вонал тоьлий а, харцо нийсонал оьший а. Боьлура, хIунда аьлча, дахар, хаза хIума ду, хьаъа хIуъа дийцахь а, хIуъа леладахь а. Уьш боьлура, хIунда аьлча, уьш тешара кестта кху къорачу лаьмнашка а бакъ Дахар кхочург хиларх. Шалхаллех, аьшпех а, ял кхийдорех, къоланех, бозбуанчаллех а цIена Дахар. Тешара хьарамло, жуккаралла, сонталла, ледаралла юкъара дIаериг хиларх. Тешара Адам Адамаллин дахарца дехарг хиларх, Адаман хазахетарш а, Адаман халахетарш а долуш.

Цхьа Руслан бен вацара цу дийнахь Хьеречу Чахчарехь сингаттаме. Цунах кхетта, цуьнан догъэцархьама доуьйтург хир ду, цхьа кIира даьлча, Лолитас цуьнга кехат,    xIapa чулацам а бо-луш:
«Маршалла ду хьоьга, Руслан!
Шу дерриге а ас цу Хьеречу Чахчаре гулдаран маьIна — шуна шу сайн синкхетамна бен-башха дацар хаийта а, шу сайна тIаьхьара даха а лаар дара. Суна хаьа шуна сайх цхьа доккха хьал долу тайниг гойла. ХIоранна а шен-шен хила луур долу, амма, кIорда а йина, сихха дIакхуссур йолу тайниг.

ела, со кечъеш, шен хьесапехь, суна мел оьшург латтош, шен йоI «кхечарал ца оьшуьйтуш», барамел дикка тIех а йийлина сан нана.
Амма сан сайн са, сайн дог ма ду. Нанас суо мел юкъаийзаяхь а, суна ца оьшу цо лелориг. Со едда цIера, училище деша яхархьама. Цхьа говзалла кара а ерзийна, болх бан лаьа суна. Сайн адрес ас шух цхьанненна а дуьйцур дац. Ура-атталла айса доьшу долу гIала а юьйцур яц. ТIаьхьа хин дерг хан-замано ша гойтур. Бехк ма биллалахь, кху дерригенах хьо кхетавойла дацара сан, xIapa гIулч ца яьккхича. Со хьайна суо йолчул гIоле хетийта гIерта, моьттур дара хьуна.

Къамел доццуш, чIогIа сагатдийр ду ас хьомечу Хухуртана. Амма, хьалхалерра спекулянткин йоI а йолуш, цига юхаерза лаац суна. Суна а лаьа, сайн цхьа говзалла а йолуш, Адам хила!
Лолита».

* * *
Дуккха а хан ю со Хухуртахь хилаза. Амма ма чIогIа лаьа-кх, цигара вайна бевзина нах муха беха, хаа! Хаза-м хезна суна, уьш, вай массо а санна, перестройка еш бохку бохуш.

1989 шо.
С. Махкеты
Веденский район
Чеченская республика