Борз-Али

Саид-Хамзат Нунуев
Борз – 1ела

Шина декъехь, 17 актехь пьеса
 

Дакъалоцуш берш:

Борз-1ела – юхавирзинарг, 27 шо.
Яха – Вахин лулахо – 20 шо.
Сулим – хьалхара таксист – 27 шо;
Муслим – шозлаг1а таксисит 27 шо;
Белита – тюканан заведующи – 40 шо;
Балдаев - ГАИн инспектор  – 30 шо;
Кура къонаха – 30 шо.
Замани Султановна, сельсоветан секретарша – 40 шо;
Донда – 70 шо;
Асмарт - 60 шо;
Самарт – 60 шо;
Аровжа – 80 шо, лулахо.
Хьалхара ФСБн белхало – 30 шо;
Шозлаг1а ФСБн белхало – 30 шо;
Шайх Мансур
Кунта-Хьаьжа
Яздархо – 60 шо.
 










Хьалхара дакъа



1- сурт


Автостанцехь


Сулим. Мохь боьтту: Дехьа Мартан, Сехьа Мартан, Туда Атаги, Сюда Атаги, Гудермес - Мудурмес, Шали - Мали, Ножай Г1урт, Шуьта Г1урт, машин эмалк санна чехка ю, шопар борз санна каде ву!!!

Т1евог1у Муслим

Муслим: Салам 1алайкум. Бац пассажираш?

Сулим: Д1а-м бай х1орш тахана, зачистка ян ОМОН еъча санна. Легаш дакъаделла – кх   сан тахана 1уьйранна дуьйнна кхаьрга мохь беттана.  Хьуна а ца караво цхьа а?

Муслим. Вайшинан доттаг1а  Борз-1ела вара Францера ц1а вог1уш. Иза юьрта хьала-м виги ас.

Сулим: Боккъала а бохай ахь? Борз ц1айирзина? Тохара Дудаевг1арна т1аьхьах1оьттана лелаш санна «б1ов» бохуш-м вацара х1ара? Т1ом бийр бу ша-м ца боху кхо?

Муслим: Х1етахъ-м т1ом бича а бехк а бацара цуьнан. Бомбанаш тоьхна, да а, нана а ма дийнера цуьнан.

Сулим: Дера дийнера. Дала гечдойла царна.

Муслим: Дитана ша боху и декъаза «б1ов». К1ордайна шена боху кхерсташ лела. Ц1ахь соцур ву ша, боху, зуда а ялайна. Шен Даймахкахь вахарал ирсе х1ума дац боху цхьа а. Кху Даймахкера кхи ара ца волуш, кхузахь вала реза ву ша, боху-кх цо.

Сулим: Ма ехьа забар! Боккъала а бохай ахь? Иштта хийцавелла х1ара?

Муслим: Цо-м дукха х1уманаш дуьйцу. Хийцавелла Борз-1ела боккъала а.  Вай цхьана класехь доьшуш санна юххъара вац. Доллучул а хазаниг х1у ду хеай хьуна цо бохург?

Сулим: Х1у ду?

Муслим: Кху вайн Даймахка ша юхавоьрзуш цхьаний деца девне вер вац ша, цхьаний а дена халахетар дийр дац ша, мел шега нах харцлехь а, кху Даймахкара кхи ара а вер вац ша, аьлла, ч1аг1о йина ша бохукха! Оццул ч1ог1а хьаьгна лелла ша бохукха цо кху кху вайн декъазчу Даймахках.

Сулим: И муха ду? Цхьанцце а девне а ца волуш, муха ваха волу х1ара вайна юъккъехь? Хьаьшна д1авоккхур ма ву х1ара вайн берзалоша, шинара сана к1еда хилахь массаьрца а!

Муслим: Иза-м аса а бохура цуьнга. Цхьаболчку нахана  шайца к1еда-мерза мел хили  а атта ма хетта. Борз елахь – катоха, газа елахь – сатоха. Иштта ма дара вайн байракха т1ехь д1аяздина цу хенахь, иза ц1ахь волуш. Х1инца, нехан мехкашкахула лелаш,  дукха х1уманийн ойланаш йина ша, боху цо.

Сулим: Муслим!

Муслим: Ладуг1уш ву.

Сулим: Къовсавала везаш хиллера хьо цуьнца, алссам шай-кай а йиллина, девне ца волуш, 1алур вац хьо, аьлла. Вайшинна карор ма вара цуьнца дов даккха стаг.

Муслим: Ма бакъ дагадеара хьуна иза. Къовса ца веллехь а, хьажа вайшиъ, цо х1у до? Т1аьхьа хьийзор вара вайшиммо иза. Х1у до вайшиммо? Мила тосу цуьнан коча?

Сулим: Вайн туьканара Белита яхайта вайшиммо тховса и волчу, декхара ду хьуна т1аьхь, алай. Самукъане а, девне а стаг ма ю иза. Цо хьовзор ву хьуна иза-м, цеца к1ел биссана дахка санна, ша ц1аварах а дохко а ваьккхина!

Муслим: Яхайта мегар ду. Белита ма ду цхьа ц1оькъалом. Иза дика дагадеара хьуна!

Сулим. Со тховссехьа кхета х1ета цуьнах. Хьовсур вай, вайшинан доттаг1чо шен дуй мел сиха къарбо.

(КИРХЬА)




2 - сурт

     Борз-1ела веха х1усам. Арахь не1 йоьтту. Мохь бетта (зудчун аз)

Белита: Х1е-е-ей нах, чохь дуй шу? Борз-1ела, схьаеллал не1, суна хеа хьо ц1авеаний. Идарх а, лечкъарх а вер вац хьо. Веревкай а ц1ога хуьлу боху г1азакхаша, мел иза беха хилча а!

Борз-1ела: (Дуьхьалволу) Чохь ду. Схьайола. 1уьйре дика хила хьан. Хьо яц х1ара, Белита?  Хьуна муха хеъна со ц1авеаний?

Белита: (Оьг1азе) Аса-м дукха шерашкахь сатийсина, к1ант, хьо ц1аваллац! Х1ара шиб1аьрг б1арзлуш лаьтта сан, кху шу долчу аг1ор къерзайна!

Борз-1ела. Чоьхьа яла. Чай мер ду вайшиммо. Х1у деш ду шу, Белита, могаш 1ай? Сингаттаме х1ума-м дац? Могаш буй доьзалш, гергарнаш?

Белита. Цхьа а сингаттам бацкха, к1ант, ахь сунна латтош берг бен. Чу а ца йог1у со. Короче, тохара ахь соьгара даьккхина ши эзар доллар схьалой ахь? Кхо де далале схьадахьар ду, аьлла даьккхина ма дара ахь иза соьгара.

Борз-1ела: (Воьхна хьаьвза) Ши эзар доллавр? Ас даьккхинера? Хьоьгарай? Х1унда даьккхинера ас иза, Белита?

Белита: Ой! И ду хаза! Суна х1у хеа ахь иза х1унда даьккхинера? Масане хуьлура молуш лелачу нехан г1уллакхаш. Со хьуна т1аьхьаяьлла лелаш ма яцара, ахь иза мича дуьхку, хьоьжуш. Хьо велха а воьлхуш веъча, ас делиракха хьоьга, къа а хетта.

Борз-1ела. Белита, боккъале а со варайтехь хьоьгара и ахча даьккхинарг? Суна дагадог1уш х1ума дац-кха иза. Иштта хьераваьлла со цкъан а ма ца лелла, сунна дага а дог1уш…

Белита. Хьуна дага дог1ур дац. Хьо меллачуьра васталуш а ма вацара.

Борз-1ела: Маларх къурд беш а  ма вацара со, Белита. Ас хьо йолчуьра наггахь малар эцахь а, хьешашна олий, оьцура. Со хиллийтехь иза? Дагадаайтахьа хьайна.

Белита: Х1ан-х1а, хьо вацара, негр вара Африкера веана. Со хьераяьлла ала-м ца г1ерта хьо? Ахьа-м х1инца х1уъа а дуьйцур ду, декхара схьа ца дала. Суна дика дагадог1у хьуна иза-м. Иза-м сан д1аяздина хьаха ду. Амма х1етахь ши эзар доллар хиллехь, тахана иза мел ахча ду хеай хьуна?

Борз-1ела: (Кхералой) Мел ахча ду?

Белита: Угаре а лахара лерича а итт эзар доллар дукха. Ахь из-важ бахахь, со нахала ер ю хьуна. Т1аккха ткъа эзар доллар делчи а вер вац хьо.

Борз-1ела: (Хьовзалой) Сайгахь оццул ду моьттуш-м  вац со, Белита…

Белита. Дацахь – нахера даккха. Тховса ахь схьадахь - итт эзар схьада. Кхана доьнна т1е проценташ етталур ю хьуна. Зама хийцаелла, к1ант. Эхь нет, бехк нет, брат нет, сват нет, йиша нет, ваша нет, ахча ду коьртаниг! Капитализм ю д1ах1оьттинарг. Со яц х1ара шайт1анийн зама д1ах1оттайнарг!

Борз-1ела: Сих ма лохьа, Белита, жимма ойла яйтахьа вайшинга.

Белита: Ойланаш хьайна маттов е, сан шайкай сихха схьа а лой! Шайкайх доьзна ду, к1ант, дерриге а. Социализм издох. Ахча ду – хьо стаг ву. Дац – хьо нехаш ю. Рынок, дорогой! Зама такая пошла! Шуна-м со туьканахь картолаш юхкуш хилча 1овдал ю ма моьтту! Хьуна со 1овдал ю моьтту? Хьуна сан нах бац моьтту? Со хьийна ю дицделла хьуна? Сан да кхозза туьрмехь хилла ву, сан нана пхиазза хьажиц1а яхана ю. Сан ши ваша Москвахь вор законе ву, бандиташ бу, аьлла кинишкай т1е а язбина! Соьца забарш ма лелаелахь! И х1ун кепаш ю ахь сунна х1инца х1иттош ерш? Хьо х1унда веана Францера дуьнна кисанахь ткъех эзар доллар а доцуш?

Борз-1ела: Со-м, Белита, цига ахча даккха ма ца ваханера, кхара боевик ву, бохуш, 1ен-ваха вуьтур вацкха, аьлла, ма ваханера.

Белита: Короче, долларш схьашаршадел! Ваде юха а цхьана Францехула д1а ма г1олахь, ас интерпол т1ехьайоккхур ю хьуна! Сан мел яккхай уьйраш, гергарлонаш ду хеай хьуна? Пуркуратура, обхсс, КГБ, ЦРУ, ООН, ФСБ, ша берраш сан кисанахь бу хьуна. Ахча долчу нехан кисана бовлуш хазахета царна. Соьца забарш ма лелаелахь! Усё! Счетчик пошел!

     Белита д1айоьду, ондда ков а тухай. Борз-1ела ша вуьссу.

Борз-1ела: Вуй, х1ара ма тамашена х1ума ду. Со галваьллатехь, я Белита харцлоьтехь? Цхаъ тарделла лелаш хир ю иза. Цхьана кхечо ахча даьхьна, иза соьх тарвелла лела хир ю. Дан х1ума дац. Ахча д1адала деза, миччара даьккхина а. Нахала воккхур ву цо со. Т1аккха юьртахь 1ойла а хир дац. Цхьа пхи эзар доллар цкъачунна д1аэца, важ диссанарг т1аьхьа лур ду эрду-кха. Кхин-м соьхь дан а ма дац. Харц а бакъ а ахчанах каетташ со а ца лийли. Х1умма а дац. Доьхна хьийзар дац вай…

(КИРХЬА)



3 - сурт

Туькан чохь болх беш ю Яха. Товар эца чу еана ши йо1 ара йолу. Чоьхьаволу Борз-1ела. Борз-1елайна чохь ерг ца евза. Яхина Борз-1ела вевза, эхь хетай хьаьвза:

Яха: Хьо марша вог1ийла, Борз-1ела, ц1а маца веана хьо?

Борз-1ела. (Бехкала воьдай) С-с-суна ма ца евза хьо…

Яха: Хьайн луларчу Дондин, Асмартин йо1 Яха дага ца йог1у хьуна?

Борз-1ела: Яха?! Ма ехьа забар! Хьо цхьа бер ма дара со д1авоьдуш!

Яха (Елало) Бераш сиха даккхай ма хуьлу. Сан-м ткъа шо кхочу кестта. Хьо-м цуьрриг а хийца а ца вела. Кеста юха д1а-м ца ваьду хьо?

Борз-1ела. Со-м д1аваха ца веана, Яха, гуттаренна а веана. К1ордийна сунна нехан мехкаш.

Яха: Мичхьа вара хьо?

Борз-1ела:  Юьхьанца Украинехь 1ийра со. Т1аккха Польшехь. Т1аьххьаре а Франце кхечира.

Яха: Муха дара цигахь?

Борз-1ела: Хаза а, парг1ате а, токхе а мехкаш дуккха а ду, Яха, кху дуьненчохь. Амма шен Даймахкал мерза х1ума ца хилла  цхьа а.

Яха: Оха а даьккхира  кхо – диъ шо арахула лелаш, т1амах девдда. Шен ц1ахь тоьла, мел хала делахь а. Х1инца д1анислур дай вайн-м дерриге а.

Борз-1ела: Д1анислур ду хьалхачул а дика, Дала макъалахь. Дела дика ма ву, вай мел сонта делахь а. Яха, хьо х1инца сан лулахь яц моьтту суна…

Яха: Ю х1инца а. (елало) Д1аяхана яц цхьаннахьа а. Кху балхахь хуьлу дийнахь сарралц а, наггахь буьйса йоллалц а. Суна а ца хеара, хьо ц1авеаний. Сан дена – нанна а хеа моьттуш яц со. Хеъча хазахетар дара цаьршинна а.

Борз-1ела: Яха, хьуна боккъала а хаза хетай со ц1авеана? Со виц ца веллера хьуна?

Яха: Дера ца вицвеллера! Айса сайн коьртах куьг мел хьокху дагавог1у сунна-м хьо.

Борз-1ела: Коьртах куьг мел хьокху? И муха ду?

Яха: Ахь хьайх гуттаренна а битана безам ма бу кху сан коьрта т1ехь месашна юьккъехь.

Борз-1ела (цецволу) Муха? Х1у безам?

Яха: Ахь со бухахь юй а ца хьожуш б1араш эго кхоьссина т1улг ма кхеттера сан коьртах, со жима йолуш. Суна мел дукха ц1ий ихира цу дийнахь. Мел ч1ог1а йилхира со…  Юххьара  вара хьо жима волуш, дуьйцу наха.

Борз-1ела: Осто-о-опирлах1, кхи х1у дина хиллатехь ас кху юьртахь? Цхьа а вала-м ца веллатехь сан карах? Муо д1абекха-м ца йоллу хьо суна, коьртах х1ума а тоьхна?

Яха: (елало) И муо-м ас хаза а хеташ лелош бу хьуна…

Борз-1ела: Муо гучу балахь парик оьцур ю вайшиммо хьуна, иштта белшаш т1ехула чу а оллалуш ерг, еззачу басахь

Яха: Парик хьайна эца ахь. Кестта къежлур ву хьо. Т1аккха зуда а йог1ур яц.

Борз-1ела: Ахь лахахьа сунна, Яха, цхьа нускал.

Яха: Лохур ду ас, хьо б1аьрзе велахь.

Борз-1ела: И ма нийса жоп дара, Яха, ахь сунна делларг. Б1аьрзениг бен хьоьжур вуй хьо сана йолчу йо1ана т1ехула?

Яха (иехь хетай) Хьо туькана х1унда веанера, Борз-1ела, х1умма а езий хьуна?

Борз-1ела: Со-м шун завмаг Белита йолчу веанера. Цхьа декхара хила-кх ас цунна д1адала дезаш. Суна-м и дицделлера.

Яха: Товар дан яхана  Белита. Ас хьо веанера эр ду цуьнга.

Борз-1ела: Яха.

Яха: Х1у боху ахь?

Борз-1ела: Тохара юьртахь бежанийн раг1 хиллачу хенахь бежана шен дуй хаайта, цуьнан лерг хадош, я ма1а саттощ  хиллий хеай хьуна?

Яха: Айхьа коьртахь т1улг а тоьхна, муо а битана, со билгалъяьккхина бохург дуй хьан иза?

Борз-1ела: Ма хьекъал долуш ю хьо, Яха, ма сихха кхийтикха хьо.

Яха: Кхолламаш а, рицкъанаш Делехь ду.

Борз-1ела: Цундела ма валайна со Дала кху ц1а.

Яха: Сан даго хьеха-м хьоьхура, Борз-1ела, хьо х1инцай, х1инцай ц1акхочу, бохуш.

Борз-1ела: Далла дукхавезаш стаг хиллакха со, схьагарехь.

Яха: Далла вай дерраш ма деза, вай мел харцахьа лелахь а. Къинхетам боккха бу вай кхоьлланчехь.

Борз-1ела: Вайгахь жима собар а, къинхетам а хилчахьанна бохай ахь?

Яха: Боху.

Борз-1ела: Делахь со д1авоьду, Яха. Ма боккха кхаъ хили суна хьо гина, Яха. Х1инца-м билггала цхьаннахьа а г1ур вац со кху юьртара а ваьлла.

Яха: (Эхь хетай, елакъежа) 1адика йойла.

Борз-1ела: 1адика йойла. (Д1авоьду).


(КИРХЬА)






4 - сурт


Юха а автостанцехь

Сулим. Мохь боьтту: Ачхой – Мартан, Урус-Мартан, Дехьа Мартан, Сехьа Мартан, Туда Атаги, Сюда Атаги, Гудермес - Мудурмес, Шали - Мали, Ножай Г1урт, Шуьта Г1урт, машин эмалк санна чехка ю, шопар борз санна каде ву!!!

Юха а т1евог1у Муслим

Муслим: Ассалам 1алайкум.

Сулим: Ва1алайкум салам.

Муслим: Яхайтирай ахь Белита Борз-1ела волчу?

Сулим: Дера яхайтина.

Муслим: Т1аккха, девне ваьллий х1ара?

Сулим. Дера ца ваьлла. Шена т1ехь доццашехьа, декхара д1алур ду ша а аьлла, д1аяхайтина-кх.

Муслим: Ахь боккъала а бохай? Иза-м дикка хийцавелла х1ета. Ч1ог1а челакха ма вара иза. Зудчуьнца девне вала бакъахьа ца хетта цунна, хетарахь. Боьршаниг лаха веза вайшимма.

Сулим: Мила лоху вайшимма?

Муслим: И шен «Волга» боху ворда араяьккхиний цо?

Сулим: Яьккхина хир ю дера.

Муслим: Яьккхинехь, сунна хеа цунна дан дезарг! ГАИн инспектор тосур ву вайшимма цуьнан коча.

Сулим: О! И ма дика дагадеара хьуна. Уьш ма бу дийнахь цхьанна коча ца бахчи еънарг а ца товш, буьйсанна наб а ца кхеташ, цомгаш хуьлуш.


(КИРХЬА)


5 - сурт


Гаи инспекторан шок хеза. Борз-1ела машена чуьра охьа а вуссай, инспекторна т1е воьду.


Инспектор: Инспектор ГАИ  Балдаев. Схьагайтал, накъост, хьайн кехаташ.

     Вахас, кисанара схьадохай, документаш д1а ло. Инспектора кехаташ кисана дохку.

Инспектор: Документаш изымать деш ду. Машен штрафстоянке д1айига.

Борз-1ела: Х1у даьлла соьгара? Бакъонаш талхайна  ас, инспектор?

Инспектор: Хьоьга бакъонаш-м хьан талхайойтора? Тхо кхузахь дийшана 1охкуш ду-м ца моьтту хьуна? И х1ун оскорбленеш ю, накъост, ахь еш ерш?    Хьо сана болчаьрга бакъонаш, законаш галдахайта  х1иттайна ма дац тхо кхуза. Хьо х1у ала г1ерта? Кхи ахь и хьайн бага бур-бур аьлла хьалаг1аттаяхь  пхийтта суткана чувуллур ву 1едалан белхалочунна дуьхьало ярна.

Борз-1ела: Сан ваша, со-м ма вац хьуна дуьхьало еш а, я ян дагахь а. Соьгара даьлларг х1у ду дийцахьа, юха ишттаниг сайгара далайтур ма дац ас.

Инспектор: Реза вацахь – арз де суьде. Цара кхо ц1ока йоккхур ю хьуна т1ера. Оха-м цхьаъ бен ца йоккху.

Борз-1ела: Осто-о-опирла, Яла езахь штраф а, взятка а, аш боххург д1ало-кха ас. Ас динарг х1у ду дийцахьа! Ахь и дуьйцург а ас мах локха хьуна!

Инспектор: Аптечка юй хьан машена чохь?

Борз-1ела: Аптечка а ю.

Инспектор: Схьагайтал цу чуьра молханаш (кего волало) Та-а-ак, молханаш тоьаш яц.

Борз-1ела: Муьлханаш ца тоьа?

Инспектор: Деган молханаш юй?

Борз-1ела: Ю. (д1агойту)

Инспектор: Коьртан молханаш юй?

Борз-1ела: Ю. (д1агойту)

Инспектор Пехийн молханаш юй?

Борз-1ела Ю. (д1агойту)

Инспектор: Жаннийн молханаш юй?

Борз-1ела: Ю, х1орш ю. (д1агойту)

Инспектор: Б1аьргаш чу тухурш дуй?

Борз-1ела: Х1орш ду. (д1агойту)

Инспектор: Лерга дуттурш дуй?

Борз-1ела: Уьш а долуш ду (д1агойту). Геморройна свечаш а ю. Мича юхку гойтий хьуна? (Инспекторан к1едачу метте п1елг хьажабо).

Инспектор: Ванах, хьо шопар ву, я лор ву? Х1орш х1унда лелайо ахь х1оккхал дукха? Наркоман-м вац хьо? Дийцал ма - дарра, наркотикаш-м ца йо ахь кхарах? Наркоман вукха хьо, велахь а, вацахь а. Т1ехьаьжна а ву хьо наркоманах тера.

Борз-1ела: Наркоман-м вац со, амма шуна юьккъехула лелаш верг могаш-м вуьссур вац.

Инспектор: Схьатохал хьожа.

     Борз-1елас, улло а воьдай, хьожа туху.

   
Инспектор: Ахь къаьркъа мелла, накъост. Сан хьо иштта д1авохайта йиш яц. 

Борз-1ела: Ворх1 шо дукха, накъост, ас цхьа а тайпа вахош долу малар малаза.

Инспектор: Хьо х1инццалц мичахь вара?

Борз-1ела: Со Украинехь а, Польшехь а, Францехь а вара-кх.

Инспектор: Хьо х1удеш 1ийна хахолашнай, французашний юьккъе а хиъна, къаьркъа а ца молуш? Молла хилла вахана-м вацара хьо цига?

     Борз-1ела  вист ца хуьлуш лаьтта

Инспектор: Хьо вист х1унда ца хуьлу? Х1у деана хьуна дага? Х1ара пост эккхайта дага-м ца деана хьуна? Террорист-м вац хьо? Дийцал, хьан ваайтина хьо? Хьанна болх беш ву хьо? Х1ара машен тишаниг чу бомба йилла эцна хир ю ахь! Бомба айхьа йина ахь, я кхечара накъосталла дина хьуна? Муьлуш бу хьан сообщникаш? Схьадийцал церан адресаш, ц1ераш, позывнойш!  Хьуо ведда леларх къелхьара вер ву моьттура хьуна?!

     Борз-1ела юха а вист ца хуьлу.

Инспектор: Э-э-э, накъост, кара веа хьо х1инца. Хьуо 1едална вевзар вац моьтту хир дара хьуна. Террорист! Бандит! Лицо кавказской национальности!

Борз-1ела: Инспектор, суна хьоьца девне вала ца леа, амма сан угаре а лакхенгахь уьйраш а, гергарлонаш а дуй хеай хьуна? Цара могайтур дац хьуна хьо соьга харцлинай шайна хиъча.

Инспектор (кхералой) Мичахь, х1ун гергарлонаш ду хьан?

Борз-1ела: Шун угаре а коьртачу генералан зуда Зазубика тхан зудчун шича хуьлуш юкха.

Инспектор: Ахь боккъала а бохай? Зазубика ма яц цуьнан ц1е-м. Со 1ехон г1ерта-кх хьо. 

Борз-1ела: Оха кегий долуш иштта олура цуьнах. Цхьа буьрка санна жима а йолуш, хаза х1ума ма яра иза.

Инспектор: Иза-м ма яц жима, лам санна йоккха а, лекха а ма ю.

Борз-1ела: Дег1 даьккхина хир ду х1инца. Майра дикачахь, дуккха а юучахь балхахь ма ву цуьнан.

     Борз-1ела шен кехаташ схьа а оьцай, д1авоьду. Инспектор, цецволий цунна т1аьхьа хьоьжу.

Инспектор: Ма собар долуш шопар ву хьо! Ишттанаш а хуьлуш хиллакха!

     Цу сохьта хаьхкина йог1у машен Инспекторан ГАИ-н служебни машенна т1етуху. Инспекторан машен, йохайой, ч1апъйо. Машена чуьра охьавуссу цхьа кура къонаха. Цо цавашарца  даг1арчий схьакховдадо.

 Кура къонаха:  Х1ан, милцо, и сан машен кхана делкъале тояйтина сан ков улло д1ах1оттор ю ахь. Я ишттаниг кхи оьцур ю ахь!

 Инспектор (Кхоччуш цецволу) Вуй! И бохург х1ун ду? Ахь сан лаьтташ йолчу машена т1е машен тоьча, ас хьан машен тояйта еза?

Кура къонаха: Со мила ву ца хеа хьуна? Сан машена т1ера номерш ца го хьуна? Ахь машен нийса ца х1оттайнера. Ас хьан уьйт1а а веана ма ца тоьхна хьан къеч1алгах сайн «Мерседес». Хьуна хьан бакъо еллера кхуза а ялайна, х1ара къорза будка д1ах1оттон?!!

Инспектор: Со сайн балхахь ма ву. Болх ма бе боху ахь соьга?

Кура къонаха. И сан машен тояйтар букха х1инца хьан болх. Кхана делкъале хьо иза тояйтина ца валахь, хьуо хьалха ма латтара Гуьмсе поворотехь хьайн яхкаеллачу ЗИЛ т1ехь картолаш юхкуш лаьттар ву хьо.

                Кура къонаха д1аводу.

Инспектор: (иза къайлаваьлча) Маржа я1, хьо хьайн роддомерчу кочегаркайчу д1акхиссинчу цицигашнай, ж1алешнай юьккъе юхавирзина зама маца йог1уртехь?



(КИРХЬА)






6 - сурт


     Борз-1ела юха а туькана чу вог1у


Борз-1ела: Де дика хуьлда хьан, Яха.

Яха: (К1ант гича хаза хетта) Диканца вог1ийла, Борз-1ела.

Борз-1ела: Муха ду, Яха? Болх хала-м бац? Белита яц тахана а?

Яха. Хала а бац болх-м, Ваха. Белита тахана хьеела-кх чу ян. Цхьанхьа-м луларчу юьрта белхарга яха дезар ду шен бохуш яра иза

Борз-1ела: Дала гечдойла веллачунна.

Яха: Амин.

Борз-1ела. Вайн урамашкахь дуккха а кегий бераш го сунна, Яха, ма воккхаве со уьш гуш.  Кхачалур дац вай мостаг1ашка, мел царна лаахь а, мел вай а, оьрсий а цара вовшен коча тийсахь а.

Яха: Бераш дукха деза хьуна, Борз-1ела?

Борз-1ела: Ч1ог1а деза. Хьуна?

Яха: Суна а деза.

Борз-1ела: Киевхь а, Одессехь а, Москвахь а хан яьккхина ас. Цигахь болчу дуккха а нахана берийл а сов ж1алещ дезаш гина - кх суна. Муха вахалур ву дуьненчохь дуккха а бераш а доцуш?

Яха: Ма бакълоь хьо, Ваха. Г1аланашкахь-м квартираш чохь хала хир ду уьш кхаба. Амма юьртахь а 1аш, керт юьззина ловзуш лелаш бераш хилча ма хаза хуьлу.

Борз-1ела: И аьлла вирзина-кх со а ц1а, Яха. Х1инца банкера кредит а даьккхина, бежнаш а, устаг1ий а долор ду. Хьуна дезий, Яха, бежнаш а, устаг1ий а?

Яха: Дера деза. Уьш дезаш ца хилча юьртахь а х1унда веха? Тхан-м гуттара а хила кертахь бежнаш.

Борз-1ела: Яха…

Яха: Х1у боху ахь?

Борз-1ела: Цхьане леладе вайшимма бежнаш?

Яха: Со доярка балха эца дага-м ца деана хьуна?

Борз-1ела: Со сихвелла аьлла, хьо оьг1аз яхарна кхоьру со, Яха.
 
Яха: (эхь хеташ) Со кхета-м ца кхета, Ваха, ахь дуьйцучах.

Борз-1ела: Ма-дарра дийца бакъо лой ахь сунна, Яха?

Яха: Дийцахьа хьайна луург.

Борз-1ела: Суна ч1ог1а езаелла хьо, Яха. Жима йолуш дуьнна а хаза хетара сунна хьо. Иштта йиша елара сайн, бохуш, дукха хьежна со хьоьга. Ткъа х1инца… ма хазъелла д1ах1оьттина хьо. Ойланаш а ю вайшинан цхьатерра. Вовшахкхета вайшиъ, кхи гена д1а а ца туьттуш, кху юьккъе цхьа зен-зулам долале?

Яха: Ас а эр ду хьоьга ма-дарра, хьийза а ца деш. Кура ма ваьллахь, со атта а ма хеталахь, ас бакъдерг дийцарна. (Жима ойла еш соцу) Цхьа а де а ца даьлла, Ваха, сунна хьо дага ца вог1уш а, ас хьан ойла ца еш а. Дагадог1ай хьуна хьо дуьххьарчу т1амехь чов а хила ц1а вахьаш? Ялхитта шо бен дацара хьан х1етахь, школехь доьшуш вара хьо. Со мел йилхира хеай хьуна, сан х1етахь ис шо бен ца хиллашехь?

Борз-1ела: Дела реза хила хьуна, Яха, кху доллучу а дуьненан да викха ахь соьх! Ара волу со, хазахетар т1ехдаьлла суо хьера валале. Белите декхара д1а а луш, кхана юхавог1ур ву со. Зударщца къийсавала ца леа сунна.

Яха: Соьца а къийсалур вацай хьо?

Борз-1ела: (велало) Дера вац! Ахь аьллачунна т1ера ког-м боккхур бац.

Яха: Иштта-м массара а дуьйцура аш юьхьанца.

Борз-1ела: Со кхана сарахь вог1ур ву хьуна. Дийца долайнарг чекхдаккха деза вайшимма. 1адика йойла.

Яха: 1адика йойла. Марша г1ойла!



(КИРХЬА)



7 - сурт




Юха а автостанцехь


Сулим. Мохь боьтту: Ачхой – Мартан, Урус-Мартан, Дехьа Мартан, Сехьа Мартан, Туда Атаги, Сюда Атаги, Гудермес - Мудурмес, Шали - Мали, Ножай Г1урт, Шуьта Г1урт, машин эмалк санна чехка ю, шопар борз санна каде ву!!!

Юха а т1евог1у Муслим

Муслим: Ассалам 1алайкум.

Сулим: Ва1алайкум салам. Тесирай ахь Борз-1елина т1е ГАИн инспектор?

Муслим: Тесира дера таса-м. Иза девне ваккха г1ерташ дукха къахьийгира ша боху капитана Балдаевс. Шек д1а а ца вели, боху, шега х1уъа дийцича а. Итайпа тамашена стаг кху вайн Даймахкахь шена гина а вац, боху-кх цо!

Сулим: Иза-м тамашена х1ума дан а ду. Х1инца цкъа т1аьххьара зен веза вайшимма иза. Цу зерах а иза валахь, 1адда вуьтур ву вайшимма, хьийзаварна къинт1ера а ваьккхина.

Муслим: Х1у дага деана хьуна?

Сулим: Кредит эца г1ерташ ву боху иза банкехь бежнаш доло. Кредит лур дац цунна юьртан Администрацера справкаш ца хилча. Эццигехь лаг лацайтур ду вайшимма цуьнан.

Муслим: И ма дика дагадеара хьуна. Тховссехьа г1олахь Администрацин секретарша йолчу, виц ца луш.

Сулим: Вицлур вац.

(КИРХЬА)







8 - сурт.


     Борз-1ела юьртан Администрации чу вог1у. Цу чохь стоьла т1ехьа хеъна 1а цхьа тома зуда. Борз-1ела чоьхьа ваьлча иза хьала а ца г1отту.

Борз-1ела: Дедика хила хьан, Замани Султановна.

Замани: Диканца вехийла. (т1ечийха йолало) «Султановна» бохуш сан ден коча а ца уьхуш, хьайна оьшург схьаалал сихха. Сан да 1адда вита, цо хьуна цхьа а вон болх а ца бина! 

Борз-1ела: (цецволай) Аса-м ма ца боху хьан дена х1умма а. Айса хьо ларарна отчество ма яьккхира ас…

Замани Ца хеа сунна хьан отчествой, мотчествой, вай г1азакхий дац, нохчий ду. Айхьа яккхахь сан ц1е яккха сан да 1адда а витай. Хьо х1у ала г1ерта сан дена? Иза соьле ву ала г1ерта хьо, я лай ву ала г1ерта? Тайпа-тукхам ц1ена дац? Х1ун дара хьан сан дена ала?

Борз-1ела: (Хьесталуш) Дика ду, Замани, иштта эр дукха ас, отчество а ца йоккхуш.

Замани. Ала. Сан сайн ц1е ю. Яккха тиллана а ю. Сан да 1адда вита. Сан ден коча ма иха. Сан ворх1е да а ца хилла шаьш нахе бийцайтуш лелла.

Борз-1ела: Замани, бехк ма биллалахь, и цхьа фермерски хозяйство олу х1ума д1адоло воллура со. Кредит ло банко. Со кху юьртахь 1аш ву, аьлла справка ялар хирдарайтехь?

Замани: Хир дац! Суна х1у хеа хьо мичахь 1аш ву, дуьне мел ду кхерсташ лелаш волу? Хьуна харц справка а елла, туьрме яха йиш ма яц сан, жима къонаха. Хьо г1ур варий сан мета туьрме? Дийцал, г1ур варий? Дера вацара. Цундела никакой справка ас хьуна не дам!

Борз-1ела: Замани, х1ара сан паспорт гой хьуна? Кху т1ехь гуттаренна а йолу регистрации ма ю сан кху юьртахь. Со кхузахь вина а ву, сан да-нана а ду кхузахь дина а, 1ийна а.

Замани: И суна ца хеа. Суна хьо дуьххьара гуш ву. Суьдан решени я суна хьуо цу паспорта т1ехь вверг ву, алай. И паспорт а хир ду ахь цхьанхьара эцна. Х1инца массо х1ума а ма ю юхкуш, оьцуш.

Борз-1ела: Суьде вахча цара шоьгара справка йоьхур юкха. Т1аккха юха а хьуна т1е ван дезакха сан.

Замани: Дезахь дезар дукха. Къа ца хьегча, атта х1умма а ца хуьлу кху дуьнен чохь. Амма шу кегийчарна дерриге а атта деза. Хало ца гина шуна, мацалла ца гина. Дерриге а схьа а дай, охьадилла шайна, боху аш. Ахча доккхуш а къахьега ца леа. Банке а вахана, ахча а эцна, вада ма волу хьо. Т1аккха и ахча хьан токхур ду? Хьуна справка еллачу, ас токхур ду? Хьуна со иштта 1овдал ю моьтту? Дийцал, со 1овдал ю, аьлла веана хьо со йолчу?! Хьуна сан нах бац моьтту? Сан наха хьайга соьца забарш лелайойтур ю моьтту хьуна?

Борз-1ела: (вухай хьаьвза) Аса-м ма ца боху, Замани, хьо 1овдал ю а, хьан нах бац а.

Замани: Баха ца бахахь а, со 1овдал ю моьттуш лелаш-м ву хьо. Ву дер. Ас кхайкхина веана-м вац хьо? Короче, мел кредит ду ахь оьцуш?

Борз-1ела: Цхьа миллион лур ду шаьш аьлла-кха цара.

Замани: Делахь кредит юкъахь хир ду вайшинан, пятьдесят на пятьдесят. Ца хилахь – дасудани.

Борз-1ела: Кредит юхадерзо дезаш ма ду, Замани, поцентш а луш. Юха а цхьане дерзадой вайшимма?

Замани: Накъост, хьуна-м дера моьтту и пятьдесят на пятьдесят бохург ас юкъадаьккхина ду. Хьуо кху юьртара ву а боху ахь, баттат1ера воьссича санна  цхьа г1урт а буьцу ахь. Вало, наха х1у леладо а хьажай, юхавола. Сан белхан хан а ма яйа, со-м паччахьалкхан балхахь яй.

Борз-1ела:  (хьасталой) Замани, ас цхьа дика доцуш а юьтур яцара хьо, и справка харц справка а яцара ахь луш ерг. Дехьа сан г1уллакх.

Замани: Накъост, суна ма ца хеа ма-дарра аьлча, хьо цу ахчанах х1у дан волу. Боевикашна д1адала воллий хьо иза? Цара ваайтиний хьо? Ас х1инцца ФСБ телефон а тоьхна къастадо иза-м! (телефонах катуху)

Борз-1ела: Дика ду делахь. Ма ло цхьа а справка а. И кредит доцуш а дийр ду аса-м сайн г1уллакх, цхьангара юхалург ахча даьккхина а. Баркалла соьга ладог1арна. Бехк ма билла хан яйарна. 1адика йойла. (Сихха араэккха)


(КИРХЬА)





 Шозлаг1а дакъа


9 - сурт


     Малх кхетта де.  Беша яьллачу Асмартехь шийла мохь болу. Цуьнан карара г1умг1а лаьтта охьаюжу. Ши б1аьрг а къерзош, куьйгаш д1асалестадо цо.

Асмарт: Вала-а-а-алай, хьо ма да бусалбанашка! Х1ара х1ун ду дан мукъа?  Х1ара хьокха хьан боьг1на кхуза, тхан беша т1е? Ва-а-а стаг! Хье-е-е-й, стаг! Хезаш вуй хьо? Хезий хьуна, х1ай стаг!!! Ва-а-а устазаш! Ваа-а-а, орцах довлалаш!!

     Боьршачу стеган мохь хеза

Донда (геннара схьа) Х1ун хилла цигахь хила мукъа? Дуьне-м ца доьхна вайна? Я хьоштаг1анна  чу  йоьжна хьо?

Асмарт: Схьаволай валахьа сихха хабарш а дитай. Т1едена хьуна х1инца со мел кхийринарг. Ас баха ма бехира хьоьга, юьртадена сом-ком а лой, и беш схьалаца вай! Асмарт не дурак!

     Донда водай т1евог1у, доьхка тасаза хеча хьала а ийзош. Кучан цхьана пхьуьшана бен чекхбаьккхина пхьарс бац. Доккха гай олладелла ду.

Донда: Х1ун хилла хьуна? Хьо-м дийна ма ю, суна-м хьан гай яьтт1а ма моьттура.

Асмарт: Хьо ма 1абалахь со яла ца елча. Амма кестта юьйр-м ю кху наха а, ахь а дог эт1ийна. Дахьажал. И хьокха гой хьуна?

Донда. Го. Х1ун хилла цунна?

Асмарт: Хьокханна-м х1у хир дара, хьанчал башха хье боцчу. И хьокха кхуза тоьхначо дагалаьцнарг х1у ду ца хеа хьуна?

Донда: Х1у ду?

Асмарт: И хьокха вайн беша т1е тоьхна гуш бац хьуна?

Донда: Вайн беша т1ехь х1унда бу иза? Вайн шу т1ехь бац иза? Иза цигахь болу-м кхолаг1а де а аду.

Асмарт: Шу т1ехь муха хуьлу ах метар гергга вайн беша чуоьзна хилча? Хьайна иза гиннашехьа 1ийна хьо, шек а воцуш? Х1ара туьллиг яра хьуна х1инца вайн коча янза йиссарарг! Дийна хиллакха х1ара. Вайниг велахьара тохара т1епаза вайна хир вара.

Донда: Хьо ма 1абалахь, зуда. Да а, нана а т1амо дийна, ша-а виссана вац иза?

Асмарт: Дикачу балхана ма ца вирзина иза юха. Ша д1авахханчахь шен меташкашна юьккъехь 1ен везаш хиллера. Со-м х1ара беш юьртадега вайн к1антана йоьхур бохуш, ма 1ийнера. Хьан бацкха, стаг, цхьаний а х1уманан бала. Наха т1е нуьйр а тиллина, хоьхкур вара хьо, со яцахьара.

Донда: Соьга х1уде боху ахь? Лата боху ахь соьга цуьнах? (Кучан пхьуьйша чу пхьарс болла г1ерта). Хьуна стийнах хеа, зуда, и хьокха вайн беша т1ехь буй?

Асмарт: Дера хеа, хьан стаг ца хиларехь! Хьо шена стаг хеташ хиллехь, ваьхьар варай и бандит и хьокха тоха? Вайх дага х1унда ца ваьлла иза?   Хьада вало, юьртан къеда волчу а г1ой, д1ахаайта, вайна лулахочо самозахват йиний.

Донда: Къеди а ю-кха цхьа тентиг, ша кхерайначунгахьа а, эцначунгахьа а д1айоьрзуш.

Асмарт: Ахьа а кхераехьа! Хьо вац нах сана? Кхеравелча бен нохчийн стаг ийманчу ца вог1ай ца хеа хьуна?

Донда: Со нехан коча уьхуш, нахах леташ лелла вац, х1ай зуда.

Асмарт: Сан коча ван-м ма хеа хьуна цхьа а бахьана а доцуш. Вало, аравала. Схьавалаве къеда а, кхиберш а. Вай х1ара иштта шена дитахь, кхи а схьа чу узур ю цо керт. Сехье езахь - дехье къовса ма аьлла вайн дайша. Моя хорошо знайт! Асмарт не дурак!

Донда:  Г1овг1а а ца еш, 1адда 1аш елара хьо, зуда. Ма-дарра аьлча, и хьокха вайн беша т1ехь а бац, вайна юькъарчу шу т1ехь бу.

Асмарт: Ва-а-ай, со яла елла! Цхъане х1уманна пайде вац-кх хьо стаг! Со суо г1ур ю цига-м! Хьо чу а г1ой, д1авижахьа, кхечу х1уманна хьо пайде а вац.


     Т1ехъйолуш ю тома лулахо Самарт. Ладуьг1уш лаьтта иза Асмартан, Дондин даьллачу девне. Асмартан цуьнах б1аьрг кхета.


Асмарт: Хьо стена лаьтта ладуьйг1уш, б1ог1ам санна д1а а йог1аелла? Хьайн новкъа д1а стена ца йьду хьо?

Самарт: И д1о-о-о-оге тоьхна хьокха шайн беша т1ехь бу боху ахь?

Асмарт: Хьоьга ас х1умма а ца боху, Самарт! Хьоьга ас хьо хьайн новкъа пиря-я-я-яамо д1аяхчахьанна яьлла боху. Хьан х1у бала бу майрачой зудчой вовшашка дуьйцучунца?

Самарт: И шун лулахо Борз-1ела сан ненайишин к1ант ву, ас шуьга цуьнга харцонаш йийцийтур яц. Оцу д1о-о-оге кхура уллохь дара церан дохийна раг1у. Цу раг1онан сонехь боьг1на бу и хьокха а. Ша бог1а беззачехь боьг1на а бу.

Асмарт: Чуртана буг1айла хьуна иза, хьо харц лехь! Со яханчу Хьажин ц1ийнор, и кхор а тхан шу т1е оьзна бог1на олура-кх стохка Далла дуьхьал ваханчу сан мардас!

Самарт: Далла дуьхьал баханарш стена буьйцу ахь, цига бахаза биссанарш а шортта хилча? Схьавалаве хьайн лулахо Мажда, я цуьнан зуда. Хатта цаьршинга.

Асмарт: Б1арзвеллачу Маждина х1у гур ду, я цуьнан къорачу зудчунна х1у хезар ду? Хьо хьайн новкъа пиря-я-я-я-ямо д1аг1охьа, хьо гинчахь хир дацара ийман а, беркат а.

Самарт: Ца йоьду со! Ахь яхийтал! Сан йишин к1анте харцлен ма дохку шу! И б1ог1ам болччахь тхан хьач бара, ас цу т1ерачу хьечех варенеш а еш.

Асмарт. И хьапч шун бацара, тхан бара, ас сайн куьйгашца д1абийна. Аш шайн сийдацаралла, эхь ца хеташ, бохура цу т1ера хьечаш.

Самарт! Вала-а-а-лай,  и ду хаза, ахь мича бийнера и хьач, хьайн беша хох бен а карах ца долуш йолу? Моьттур дац ца евзачунна хьо цхьа зуда ю, пхьаьжиг?!

Асмарт: Пхьаьжиг со яц, пхьаьжитг шен марвешийца лелла хьан жимха йолу йиша ю!

Донда: Д1асацал х1инца ший а! Не1алт цу шун меттанашна! Д1аяьлла х1инца ший а сунна гучуьра, ши Йилбаз!

Самарт: И хьач хьийна бешахь бара-м вайн луларчу Аровжина дика хуур ду. Цуьнга хоттур ду вай. Аровжа! Во-о-о-о, Аровжа!

Аровжа: Мила ву цигахь? Соьга кхайкхирай цхьа а? (Халла, 1аса а луьйсуш, арайолу)

Самарт: Аровжа, дахьажахьа, и д1о-о-огехь шу т1ехь, х1ара т1ом а баьллла т1е бомбанаш етталц, хила хьач дагабог1ай хьуна?

Аровжа: Дера бог1у. Со кху керташка маре еанчу шерашкахь цу хьоча т1е а яьлла, ас сайн сийна г1абали ят1ош а-м.

Донда. Д1аяккха и къанъелла тентиг. Цунна ша х1ун юьйцу а ца хеа. Цо дийцарехь-м баъ1а шо ма хилла цу хьочан, кхузткъай итт шо хьалха х1ара маре еъча а иза т1еяллал доккха дит иза хиллехь.

Аровжа: Мел яккхай хьайбанаш хуьлура цу т1ехь, х1окху сан шина буйннал яккхай а йолуш.

Самарт: Баба, ахь х1ун дуьйцу? Хьайба ма яцара иза, хьач ма бара.

Асмарт: (Елалой, г1адъйоьд). Гой шуна, иштта ма ду аш мел дуьйцург. Со шозза яханчу Хьажин ц1ийнор бу и хьокха тхан беша т1ехь боьг1на.

Самарт: И алай сан йишин к1ентан коча ма г1олаш, делор ю, Асмарт, ас цу хьан коьрта т1ехь мел йолу масс бухайоккхур, хьо сацон и хьан майра стаг вацахь.

Асмарт: Хьокха тхан беша боьг1на бу, и ас буьтур а бац, милла ваг1ахь а!

 Самарт Ц1е йолийла хьо юьжу йолчу кошах, хьо харц мел луьйн. Сехьа яьлла, ас цу коьрта т1ехь мел йиссина мас схьайоккхур ю хьан,  ас легаш 1аьвдина буьйр бу хьо, саьрмак!

Асмарт Схьайола, 1овда! (Т1ехахкало. Самарт цунна дуьхьал хахкало. Юккъехь керт а йолуш, и шиъ вовшех тасало, месаш ийзайо, буйнаш доьтту.)

Аровжа: Цаьршиммо х1у къуьйсу? Донда, хьо х1удеш лаьтта? Д1аса х1унда ца къастайо ахь и шиъ?

Донда: (Воьлуш, самукъадаьлла лаьтта) Дера ца къастайо цу Самарта тухуш ерг сан догах туху дела. Тахана санна самукъа ца даьлла сан и зуда кху керта еъчахьанна.

     Ц1акхочу Борз-1ела.

Борз-1ела: Х1ара х1у ду? И х1у дов ду аш эккхайтинарг? Д1асаца ший а. Эхь ма ду и. Нахана гур ма ю шуьшиъ.

 Самарт: Ма дика ду, Борз-1ела, хьо ц1акхаьчна. Х1ара хьан лулара г1ам Асмарт дукха ахь шен беша кертана хьокха тоьхна, бохуш, г1овг1а эккхайтина хьийзаш. (Летачара д1асайолу ши зуда).

Борз-1ела: Хьокха-м д1аоза а, схьаоза а хала бац. И бахьанехь девнаш ма делаш. Донда, Асмарт, бехк ма биллалаш, и хьокха ас гуттаренна а тоьхна бацара шуна. Х1инца иза мичхьа тоьхча бакъахьахета шуьшинна? Соьга аьлча-м вайна юъккъехь керт эша а ма ца оьшура.

Асмарт: Ас буьйцург хьокха бац, ас сайга харц ма ле, боху. Хьо ц1авирзи, Борз-1ела, могаш лийлинна хьо? Ма дика ду хьо хьайн юьрта юхавирзина.

Донда: Остоо-о-о-пирлах1, ма эхь ца хетта кху зударшна х1уъа а дийца а. Борз-1ела, хьо марша вог1ийла. Десса дара кху кертахь хьо воцуш.

Борз-1ела: Дела реза хилла. Кхи цкъа а д1аг1ур вац, аьлла, дагахь-м ву со. Хиндерг Далла бен хуур дац.

Самарт: Кхи д1а ма г1олахь, Борз-1ела, х1ара хьан лулахой и хьан беш шайна дола яккха луур долуш бу хьуна.

Борз-1ела: Езахь д1алур юкха керт. Латта-м шортта дара вайна цу т1ехь даха хеъчахьанна.

Донда: Эх1! И ма нийса элира ахь, Борз-1ела. Дела реза хила хьуна цу дешнашна.

Борз-1ела: Дела реза массарна а хилла вайна.


 

(КИРХЬА).




10 - сурт

Юха а автостанцехь


Сулим. Мохь боьтту: Ачхой – Мартан, Урус-Мартан, Дехьа Мартан, Сехьа Мартан, Туда Атаги, Сюда Атаги, Гудермес - Мудурмес, Шали - Мали, Ножай Г1урт, Шуьта Г1урт, машин эмалк санна чехка ю, шопар борз санна каде ву!!!

Юха а т1евог1у Муслим

Муслим: Ассалам 1алайкум.

Сулим: Ва1алайкум салам.  Ма дика ду, Муслим, суна хьо гина. Хьан мобильнико жоп ца луш, догъэт1аш 1аш ма вара со! Ас цхьа тамашена х1ума дийца хьуна?

Муслим: Тамашаш бан диссина х1уманаш дан а ма дац кху вайн декъазчу даймахкехь. Х1у дийца волу хьо?

Сулим: Француженка юкха Парижера доьнна схьаеана, вайн Борз-1ела лоьхуш! Ас иза д1а ца йиги, цкъа хьоьх дага ца ваьлчи. Гостинице а йигна охьа хаайна. Цуцьнга иза юха д1авигалой хьажа веза вайшиъ. Ас цуьнга х1у аьлла хеий хьуна?

Муслим: Х1ун аьлла?

Сулим: Дера аьлла Борз-1ела ч1ог1а дукха деши долуш, хьал долуш стаг ву. Иза шен дешина т1е веана ву, хьо цунна оьшуш яц.

 Муслим: Т1аккха х1ун бохура кхо?

Сулим: Шена цуьнан деши а, х1умма а оьшуш дац, иза бен, бохуракха. Ч1ог1а везавеллачух тер аду цунна иза.

Муслим Йига а йигай, охьайилла. Хьовсур вай цо иза кагво, я ца кагво. Зударша дакъаза бохуш ма бу угаре а шаьш доцург х1у ду бохуш лелаш болу нах а.

Сулим: Дика ду. Со ваха делахь.

(КИРХЬА)

11 – сурт

    Борз-1елин керта меллаша, цецъйолай д1аса а къерзаш, коча оьллина гитара а болуш, боккха т1оьрмиг а такхабой, Францера хьаша йог1у. Цунна т1ехь европейцин духар ду – къорза хеча, ерриге а меженаш гучайохуш готта майка. Цо Борз-1еле мохь боьтту, не1арна улло а г1ерташ:

    Сони: Борзик! Борзе-е-ель, Х1е-е-е-й Борзель, хьо вуй кху чохь?

    Борз-1ела араволу, цецволай вуьссу:

    Борз-1ела: Сони, хьо яц х1ара? Хьо муха кхаьчна кхуза?

    Сони: (Елха а ийзош) О-о-о-о, Борзель, хьо х1унда веана кхуза со а йитана? Ахь хьуо Кавказе гуттаренна а воьду ма ца аьллера соьга!

     Борз-1ела: Ас суо юхаван воьду а ма ца аьллера хьоьга.

     Сони: Ахь хьайна со еза ма бохура.

     Борз-1ела: Ас хьоьга гуттаренгнга а еза ма ца бохура.

     Сони: Тешнабехк бина ахь сунна, Борзель, сунна хьо иштта ву ма ца моьттура.

     Борз-1ела: Ас хьоьга гуттара а ма олура, сан Даймахка ц1а ца вирзича йиш яц. Хьайна лаахь хьо а 1ехьа соьца. 

     Сони шен карара т1оьрмиг д1а а хоьцай, раг1у къел дилланчу г1онта охьахуу. Г1ийла цоьлху, шина куьйга корта а лоцай. Борз-1ела  цунна улло охьалахло.

     Борз-1ела: Тоайтал, ма елхал! Ас ма боху хьоьга, хьайна лаахь 1е, д1а а ца йоьдуш. Амма хьо кхузахь 1аш хилахь бусалбан дин а т1еэца дезар ду хьан. Тхан г1иллакхаш, амалш, дерриге а оха мел лелораш лелон дезар ду.

     Сони: Европехъ болчу шун зударша леллораш лелон бен дезар дуй сан?

     Борз-1ела: И хьуна т1ехь йолу къорза хеча д1аяккха дезар ду, ехха коч лелон дезар ду.

     Сони: О-о-о-о, хеча лело атта ма ю. Кухни чу а еха коч а юьйхина хьийзар ю со? Театре йоьдуш юхур юкха ехха коч а, бриллианташ а.

     Борз-1ела: Ламазаш дан дезар ду, марханаш кхаба дезар ду. Воне-диканехь, белхаргашкахь хила дезар ду.

     Сони: Белхарш бохург х1ун ду?

     Борз-1ела: Зударий стаг веллачу а боьлхай, боьлху.

     Сони: Елха дог ца хилча х1уда деза?

     Борз-1ела: Белха дог долуш ма ца боьлху тхан зударий а. Д1а ма кхьччи цхьана шина минотехь мохь хьекха беза, йоьлху моттайтуш. цулт1ехьа, хьайна лаахь, анекдоташ а дуьйцуш, эладиттанаш а деш,  хьайна матов парг1ат 1ийр юкха хьо. Цуцлт1ехьа хьоьца цхьанне а бала хир бац.

     Сони: (Г1айг1ане) И суна хуур дац, Борзель.

     Борз-1ела: Иза-м тхан зударша сихха 1амор ду хьуна. Кхи цхьаъ а ду: марехь йолчу зудчо бетах а, б1аьргех а басарш хьекха мегар дац.

    Сони: (Коча) О-о-о-о, басарш ца хьекхча со хаза хир ма яц. Со хаза ца хилча, хьуна езар ма яц со, Борзель!

    Борз-1ела: Хьо хаза ца хилча а х1умма а дац, нахана хабарш дийца ахь бахьана ца даьккхичахьанна.

   Сони: О-о-о, Борзель, хьо т1аккха кхечу зударшка хьоьжур ма ву.

    Борз-1ела: Хьоьжур вац, езаелларг схьаялор ю. Тхан динехь йиъ зуда яло бакъо ма ю.

    Сони: О-о-о. йиъ зудчах х1удо ахь, со цхьаъ а тергал ца еш к1ира а ма долура хьан Францехь.

     Борз-1ела: Дукха лоь хьо, зуда! Францехь санна ж1анкашше, ж1ален нускалшше, пхьадарийн когашше дац кхузахь божарша дууш. Шортта дерстана датт1а долу жижиг-галнаш ду. Т1аккха сте х1ума а сиха-сиха дагайог1у.

     Сони: О-о-о, Борзель, ахь и цигахь аьллехь ас шортта жижиг даор ма дара хьуна, п1енда сатталц, барбикю еш, шашлыкаш еш…

     Борз-1ела: Ма ехьа суна барбикю а, шашлыкаш а, зуда, эвхьаза довла кичча дай шу-м.  Цулле а хьайн дукха луьйш йолу бат д1асацаехьа. Ойла йина-а-а, цхьаъ дийр ду  вай.

    Сони: Вукха шайн зударшка а иштта олу аш: «Бат д1асацае»? Царна а ца беза х1ора буса майрангаш? Харцдерг дуьйцу ас?

     Борз-1ела: Харцдерг-м ца дуьйцура ахь, зуда, г1уллакх доцург дуьйцукха. Шун Францехь санна шайна дагадеана-деанарш ма ца дуьйцу тхан зударша. Тхан зударий оьзда бу, собаре бу, къинхетаме бу, тешаме бу!

    Сони: Шуьга ца дийцахь а, дагахь-м ду хьуна царна иза.

    Борз-1ела: 1адда 1елахь, зуда, и революции тхуна юьккъехь ма яккхалахь. Тхан г1уллакх а зударийн кара додахь, зударий бераш дечуьра а севца, ж1алешше, цицигашше лелон бийлалур бу, шу санна.

     Сони: Ас йийр ма ю хьуна, Борзель, цхьа йо1, вайшиъ санна хаза а йолуш.

    Борз-1ела:- Суна цхьа йо1 ца оьшу. Суна лаххара а кхо-виъ к1ант оьшу. Иттех хилча кхи а дика хир ду.

    Сони: - О-оо-о, Борзель, оццул бераш соьга де боху ахь? Хьуна-м зуда ма ца еза, инкубатор ма еза.

    Борз-1ела: (Хьалаэккхай, д1асаволало) Суна инкубатор ца оьшу, суна сайн юьрта юьккъера нохчийн зуда еза, коча а йоцуш, шен майрачо аьлларг а деш, шен майрачан а, шен нехан а сий дан а хууш. Хьо иштта хилалур яц. Тхан дайн цхьа кица ду, мехкан доцучу эро цхьогал ца лаьцна, бохуш. Ишттанаш бац шун Европехь. Цундела вирзина со кху сайн Даймахка юха, кхузара кхи цкъа а д1а а ца ваха, х1ара сайн лаьмнаш, сайн латта, сайн дайн кешнаш долчу!

     Сони: Борзе-е-ель, со 1ехо ма г1ертахьа, суна хеа хьо кхузахь саца х1унда г1ерта. Суна дийцина хьан накъосташа.

    Борз-1ела: Х1у дийцина хьоьга сан накъосташа?

    Сони: Суна хеа, Борзель, хьан кхузахь дуккха а деши дуй.

    Борз-1ела: Деши? (велалой, г1адвоьду) Забар йина хьоьга сан накъосташа. Делахь а, бакълийна уьш. Деши санна, дешел а хьоме ма ду, Сони, ша вина, ша кхиъна латта! Нехан мехкашкахула волавелла леллачунна дика хеа иза.

    Сони: Европе, Франце х1унда г1ерта т1аккха массо а шайн латта мерза а, деза а хилча?

    Борз-1ела: Массо а ца г1ерта. Воьдург а шайн доьзалш т1амах бовдабой, цаьрга дешайта, я цамгарца волчунна дарба лоьхуш, воьду. Амма церан синош кху шайн Даймахкахь ду. Цъана цхьаъ а вац цареха ирсе кхаьчна, шайн лаьттах хаьдда мел лела. Со ца теша нохчий юхабоьрзур бац, царех космополиташ хир бу, бохучах. Уьш цигахь белахь а, синош кхузахь ду церан.

     Сони: Дика дукха ахь соьга иза ма-дарра схьадийцина. Дагахьбаллам хир бара сунна, кхуза ца йог1уш 1ийнехь, дерриге а динийтехь аса хьо юхаверзо, бохуш. Со-м яц хьоьга хьайн даймохк д1атаса, бохуш, хьуна х1ара оццул безаш хилча. Аса а сагатдийр ду сайн махкана кхузахь хьоьца 1ийча. Хьекъалца, оьзда д1асакъаьстар ду вайшиъ, ваьшшиммо цхьана яьккханчу хенан сий а ца дойуш.

     Борз-1ела: Сан дахарехь уггаре а халачу хенахь суна тешаме накъост хиллера хьо, Сони. Ас даггара баркалла боху хьуна. Хьоьца кхид1а а гергарло лело луур ду суна, хьан дахар мухха кхоллалахь а. Нохчаша цкъа а ца бицбо шайна г1о дина, шайца дика хила оьзда нах, уьш муьлххачу къомаха хиларх а.

     Сони: Суна хьоьгахь уггаре а товш дериг хьан оьздалла, г1иллакх дара. Массо а нохчий а вуй иштта, Борзель?

     Борз-1ела: Ши тайпа нах бу тхуна юьккъехь а. Нах болу наххе, нах боцу наххе. Нах болу нах, уьш Нохь пайхамарна т1ера доьнна шайн нохчалла схьадахьаш берш бу. Уьш дукхахберш бу тхуна юьккъехь. Нах боцу нах – шайн нохчалла дицделларш, я маь1-маь11ера т1аьхьа т1****табеллпрш. Нах болчу наха цкъан а шайн Даймохк а бицбийр бац, нехан нахаца гамонаш а лелор яц.

     Сони: Борзель, вайшиммо Парижехь лекхна эшарш карлаяха вайшиммо, ваьшшиъ д1асакъастале.

    Борз-1ела: Яха.

    Сони: Муьлханиг локху вайшиммо хьалха? (Гитара кара оьцу)

    Борз-1ела: Хьан даго хьоьххург.

    Сони: Делахь, х1ара: (Йиш д1алокху, т1аьаьхьара гитара а балош. Борз-1елас  т1аьхьара олу.)


                Х1етахь кийра буьзна бара безамо
                Безам бийца ца дуьтура жималло.
                Х1етахь б1аьргаш алу санна догура
                Х1етахь синош вешан ирсах хьоьгура.

                Х1инца вайна хаза мотт а 1емина.
                Вовшен б1аьра хьуьйсу х1инца лерана.
                Амма яц и хила йовхо, д1аяй и.
                Д1аяханчу замано и  д1аяьхьи.
               
                Амма даим вайн синош чохь дуьссур ду
                Безамо вай хьера даьхна ирсе  г1ан.
                Дуьне-м гуттар гонаш бохуш хьийзар ду.
                Амма юха йог1ур яц и сирла хан               
               
                Х1етахь кийра буьзна бара безамо
                Безам бийца ца дуьтура жималло.
                Х1етахь б1аьргаш алу санна догура
                Х1етахь синош вешан ирсах хьоьгура.


     Борз-1ела:  Сони, къинт1ера яла сунна. Суна сайна а ца хеара суо сайн Даймахко т1е муха лоцур ву. Т1емалошна юьккъехь хила, федералошца т1ом бина  ма вара со. Тешаме ца хетара суна сайн г1уллакх. И дерриге а хьоьга д1адийца а ца леара суна, хьоьга са ца гатдайта. Х1инца, хетарехъ, Нохчийчохь дерг мета дог1уш ду.

    Сони: Суна хеа, Борзель, т1ом вон х1ума ю.  Цо кхолламаш хедабо, адамийн дегнаш чу оьг1азалла юллу. Делахь а, хьан дагчохь суна цхьа а шело а, оьг1азалла а ца хааеллера. Со къинт1ера йолу хьуна. Дела реза хила хьуна ахь вайшинга ирсехь дахайтинчу шерашна.

     Борз -1ела. Дела реза хьуна хила, Сони, хьан дикалла, хьан хазалла, хьан мерза, тешаме безам баракха сан дагчуьра ша а, оьг1азалла а даьстинарг, со кху дуьнене юхаверзайнарг.

    Сони: Ирс долуш вехийла хьо кху хьайн дайн лаьтта т1ехь.

    Борз-1ела. Ирсе ехийла хьо а, Сони, марша г1ойла хьо.

    Сони: Марша 1ойла. (Иза куьг а ластадой, д1айоьду. Борз-1ела иза новкъа яккха т1аьхьаволу.


(КИРХЬА)
               

   
12 - сурт

     Борз-1ела юха а туькана чу вог1у. Яха ша ю мах беш. Туькана чу еанарг х1ума а эцна, ара а ячлайтина, улло воьду иза йо1ана.
 

     Борз-1ела: Мах беракате хила хьан, Яха. Шун заведующи чохь яц х1инца а?

    Яха. Дела реза хила хьуна а. Чохь яц. Товар дан яхана. Ас хьо веанера ала-м элира цуьнга.

     Борз-1ела: Яха, аса вайшиъ хьастаха гинчул т1аьхьа дуккха а ойланаш йина.

     Яха: Хьо муха ларайна ойланаш ян? Парижера цхьа хьаша а еана, самукъадаьлла хьийзаш вара ма боху хьо.

     Борз-1ела:  Осто-о-опирлах1! Иза а деана-кх хьуна цхьаммо дадайна цу минотехь.

     Яха: Дадайна ца деъча а хезаш дара шуьшиъ-м къаьркъа а мела, хьерадаьлча санна гитара а лоькхуш, йир етташ. Ишттаниг кху юьртахь хазаза-м иттех шо а даьллера. Аса-м хаьттинче, бакъ дац, телевизор яра цо ч1ог1аяьккхина, баьхна.

     Борз-1ела: И дукха, Яха, юьхь1аьржо лерга т1еххьа ю, бохург. Хьаша яра иза. Сан амал доьхнацу хенахь дика накъосталла динера цо суна. Я тхойшиъ къаьркъа мела а дацара.

     Яха: Мича яьхьи ахь и хьайн хьаша? Йоссо-м ца йигна ахь иза?

     Борз-1ела: Иза-м цу саррахьехь д1аяхайтира ас, билет а эцна. И кхи цкъа а юха йог1ур яц. Со кхи цкъа а вайн махкара д1а а г1ур вац. Я тхойшиъ къаьркъа мела а дацара. Тайп-тайпана нисло дахарехь х1уманаш.

    Яха: Со-м яц хьуна бехкаш дохкуш. Сан бакъо а яц хьуна бехкаш дахка.

    Борз-1ела: Суна лаа-м леа, Яха, хьан и бакъо хила. Со ахь ларва, 1алашва, сунна дов дан. Хьо ас ларъя, 1алашъя, хъоьх кху дуьненчохь сайна угаре а уллора, хьоме адам дан. Иштта юкха, Яха, ас йина  ойланаш.

     Яха: Ойланаш хи санна ю. Цхьана меттахь ца лаьтта. Хьан уьш хийцаелча а ас бехк буьллур бац хьуна. Цундела сих ма ло. Сиха дахана хи, олуш ма хиллара, х1урдах ца кхетта.

     Борз-1ела: Хьуо жима елахь а, кхетам-ма къорггера бу хьан, Яха.

     Яха: Халонаша, баланаша стеган ойланаш а, амалш а хийца ма хуьйцу. Цуьнан кхетам а кхечу кепара хуьлу. Вайн къомехь боккха бала ма лаьттира. Яхь д1а ца яла г1ерташ, вайна хилла ницкъ кхул т1аьхьа а итаннаш шерашкахь гучубийр бу боху лоьраша.

     Борз-1ела: Яха, со хьоьл иттех шо воккха ву. Цундела ас хьо хьоме, лерана лелор ю, хьоьца къийсса а ца луш, ахь боххург а деш. Гена д1а а ца туьттуш, вовшахкхетийтахьа вайшиъ.

     Яха: (Ела а лой) Ас бохург ахь муха дийр ду-м дика хеара вайна. Цулле а айхьа бохург дан аьтто битахьара ахь суна.

     Борз-1ела: Яха, ахь со цецваьккхина. И ма хьекъале, къоргера жоьпаш ду ахь суна луш дерш. Хаза йоь1арий хьекъална генара ца хуьлу бохург бакъ дацкха. И хьан корта гуттара а барай иштта дика болх беш?

     Яха: Тохара ахь т1улг тоьхна мета балачихьанна.

     Ший а доггаха делало.

     Борз-1ела: Яха, ма хьийзавехьа со, боккъала а. Билгаладаккхахьа вайшиъ вовшахкхета де.

     Яха: Со хьуна кураллаш лело дагахь яц. Бакъдерг хаа лаахь, хьо сан дагчуьра цкъа а ца ваьллера. Хеара, хьо маца вирзина а, юхавоьрзур вуй. Жимма собар дехьа, Борз-1ела. Цкъа юха а дика ойла ехьа. Зене хир дац вайшинна. Хьуо цхьанххьа а кхи д1аг1ур вац ца боху ахь? Со-м мухе а г1ур яц.

     Борз-1ела: Дика ду, Яха. Со кхана-лама юхавог1ур ву хьуна. Ахь суна т1аккха а жоп ца лахь, ас и Париже д1аяханарг юхаялор ю хьуна.

     Яха. Ялае ахь. Цхьане эшарш а лоькхуш, самукъане лула-кертахь1ийр ду вай.

     Борз-1ела, куьг а ластадой, 1одика а йой, д1авоьду.

КИРХЬА

   


13 - сурт


     Буьйса ю. Ондда не1 етта. Борз-1ела самаволу, чиркх латабо.


Борз-1ела: Мила ву цигахь? Собар де, схьайоьллу ас х1инцца.

     Борз-1елас не1 схьайоьллу. Чоьхьаволу герзах воьттина ши къонаха. Цхьанна т1ехь камуфляж олу т1емалойн духар ду. Вукханна т1ехь – костюм.

Камуфляж юьхинарг: Тхойшиъ ФСБера ву. Вада ма г1орталахь, охашимма т1е герз тухур ду хьуна.

Борз-1ела: Шуьшиъ лаа вуй? Х1у даьлла соьгара?

Костюм юьхинарг: Хьалхара т1ом болуш т1амехь дакъа лаьцний ахь?

Борз-1ела: Лаьцна. Амнистии ца хила цул т1ехьа?

Костюм юьхинарг: Т1еман преступлениш йинарш амнистина юьккъе ца бог1у. Тхан кара видеокассета кхаьчна. Цу т1ехь хьо теракт йинчарна юьккъехь ву.

Борз-1ела: Аш х1ун теракт юьйцу?

Камуфляж юьхинарг: Танк эккхайтинай ахь?

Борз-1ела: Эккхайтина! Т1ом ма бара х1етахь. И танк а ма яцара вайн аренашка оханаш дан еана.

Костюм юьхинарг: И суьдо къастор ду. Кечлол сихха, хабарш а дитай. 

Борз-1ела: Тюрме кхаьчча нохчашна т1ехь деш дерг хеа сунна. Со цхьаннахьа а ца вог1у. Шаьшшинна лаахь, т1е герз а тохай, ве со кху ц1ахь волчаранна!

Косюм ерг: Тхойшиъ хьо ве, аьлла ца ваайтина, д1авалаве, аьлла ваайтина. Т1еюха сихха х1уманаш. Йиш яц тхойшинан хьоьца къестамаш бан.

Борз-1ела: Кху Россин куьйгалхочо Ельцина де, аьлларг бен цхьа а х1ума а ца дина-кх ас а, соьца хиллачара а х1етахь.

Костюм ерг: И бохург х1ун ду?

Блорз-1ела: Ельцина «Шайна ма оьшшу схьалаца суверенитет, баьхча, вайн парг1ат, йозуш йоцу пачхьалкхе хила а леъна суна. 1991 шеран августехь мичча кепара а, кара герз а эцай ларъе вайн демократии Ельцина баьхча, кара герз а эцна ас.

Костюм ерг: Хьо хьан хьийзавора, т1ом юьккъе г1о, бохуш?

Борз-1ела: Бандитин лагерь ю, аьлла бежнийн фермайна т1е бомбанаш а тоьхна, сан дай, нанай дийра федералаша. Т1аккха ас сайна автомат а ийцира, т1емалойх д1а а кхийтира. Со Дудаевн а, цуьнан жоьлгийг гонан а дуьхьа т1ом беш вацара, сайн Даймехкан сий лардеш вара… Х1инца шу со дакъазаваккха г1ерта, цхьа а бехк а сан боццашехьа.

Камуфляж ерг: Бехк бу! Хьо Россин гражданин вацара? Хьо х1унда волура Россин армена дуьхьал?

Борз-1ела: Оьрсийн к1ентий шаьш х1унда ца 1ийра 1адда, куьйгаш а айдина,  шайна чу Наполеон веъча а, Гитлер веъча а? Цара сана нохчаша а ларба ца мега шайн Даймохк?

Костюм ерг: Вайн цхьаъ мА ю пачхьалкх – Росси! Россина дуьхьал довлар преступлении юй х1унда ца хеара шуна?

Борз-1ела: Нохчийчоьнах дуьненчохь мел болчу Хаттабийн бен а бина, уьш Дег1астанна чу бахча со а реза ца хилира. Вайн г1уллакх дацара Дег1астанехь 1едал х1отто. Царна шайна хуур дара шаьш дан дезарг.

Камуфляж ерг: Хьо мичахь вара х1етахь, шозлаг1а т1ом болалуш?

Борз-1ела: Со цхьаццанхьа Россехула волавелла а лелла, Украинехь шахте балха вахара. Цулт1ехьа Франце кхечира. Х1инца со ц1авирзина, сайн Даймехках ваьлла суо 1алур воцудела.

Костюм ерг: Х1инца юха а бандитех а, террористех а д1акхета-м ца волу хьо?

Борз-1ела: Аш иштта ларахь-м кестта ша массо а нохчо а бандит а, террорист а ву, аьлла ц1ераш тохкур ю аш.

Костюм ерг: Леле вала чехкка! Хабарш ма дийца!

Борз-1ела: Шун Росси хьан ларъйийр ю техьа, аш берриге а яхь йолу к1ентий дакъаза баьхча? Цхьа бакъволу мостаг1а Россина чу г1ортахь, цунна дуьхьала мила ваккха дохку шу?

Камуфляж ерг: Хьо хьуьнах болчарна г1о дан веана ц1а, иза  хеа тхуна.

Борз-1ела: Хьуьнах болчарна г1о деш дерш шу ду-кх, аш иштта нах хьийзабахь, кегийнах д1аоьхур бу хьуьнах. Цулле а заводаш е, фабрикаш е, нахана болх бан а, баха а аьтто бе, т1аккхха оьхур бац нах хьуьнаха, лаьмнашка а.

Костюм ерг: Хьо кечлой волу, я оха иштта хьуо ма-варра машена чу кхуссу хьо!
     Камуфляж юьхинчо т1ехьашха т1е вог1ай, куьг схьалоцу.

Камуфляж ерг: Тхойшинга хьуо текха ма вайта. Вала меттиг бац хьан. Кечло!

Борх-1ела: Вала меттиг бац боху ахь? Хьовсур ду вай. ( Борз-1елас пхьарс а лоцай, ластавой, шен белшаш т1ехула а кхуссуш, иза лаьттах варжаво. Т1аккха, буй тухай, костюм юьйхинарг т1ек1ал воккху. Камуфляж юьйхинчунан охьайоьжна автомат кара оьцу): Меттаха ма валалаш, ас т1етухур ю шуьшинна!

     Г1овг1а хезай, арара кхи а ши салте чу эккха. Борз-1елас куьг тухай, люстра оту. Бода х1утту. Кор а дохадой, Борз-1ела ара эккха. ФСБ-н белхалоша цунна т1аьхьа герз кхуьйссу. Мохь боьтту: «Ма вахайталаш! Т1етоха цунна автомат!»

(КИРХЬА)



14 - сурт


     Борз-1ела ведда хьуьнах кхаьчна. Цуьнгахь автомат ю. Иза к1адвелла ву. Цхьана боккхачу попах букъ а тухай, охьа хуу.

     Борз-1ела: (Монолог) Маржа я1, кхуьнах х1ара хир ду моьттуш ца вирзинера со ц1а, сайн Даймахка. Х1орру хиллакха цу вайн дайша лелийнарг а. Цхьана нийсоне, бакъоне сатуьйсуш, г1овттуш хила, т1аккха дакъаза бовлуш хила. 1едалан кара ца баха, шайн синош довдийна, обаргаш бовлуш хилла. Обаргин а цхьа зама хилла. Обаргийн зама яц таханалераниг. Ша цхьаъ лелалур вац. Т1емалошна т1е ваха веза. Цаьрца цхьане атта хир ду къийсам латто.
     Къийсам? Меллац д1а? Хьаьнца? Тохара нохчийн 1едал лаьллина г1аланашкара а ярташкара а арадаьккхинчу хенахь, шен 1едална муьт1ахь хила ч1аг1о йинарш цаьрца цхьане арабевлла, къийсам латтийна. Ткъа тахана хьаьнца бийр бу къийсам? 1едалехь берш – берриге а нохчий. Милицехь, армехь берш – берриге а нохчий. Д1авийча а, схьавийча а – байаш берш – нохчий. Нохчий байа вирзинера со кху Даймахка? Х1ан-х1а, ца кхета со цу хьуьнаш уьдуш болчарех а. Ткъа х1у до ас? Мича воьду со? Хьанна т1етевжа со?

     Хьалаг1отте, д1асаволало. Лам т1ера чухьаьжча цунна гуш ю г1аланаш, ярташ.

     Борз-1ела: Эх1, хьо башха мохк! Ма дукхадезаш хиллеракха вай Аллах1-Далла х1ара исбехьа мокх вайна беллачу! Бац иштта токхе, ц1ена, тайна, массо а дика х1уманаш шеца долуш мохк кхи цхьаннахьа а кху дуьненчохь. Ялсаманехь буьйцу мокх букха, бошмашна юьккъехула охьа шовданаш а 1ийдалуш! Х1унда ца хеа вайна кху вешан ялсаманенна дола дан? Г1аж лаьттах 1оьттича а, цуьнах дит, тал, стом хуьлу кху вайн лаьтта т1ехь. Х1унда бац цу массо а кондаргаш а евлла лаьттачу даккъаш, гунаш, боьранаш, ч1ожаш чухула д1адийна стоьмаш – боча б1араш, хьайбанаш, кхораш, 1ежаш? Х1унда далайтина акха х1ара вайн к1екззиг бен доцу латта? Х1унда ца леа вайна къахьега? Атта х1унда деза дерриге а? Х1унда яц вайн заводаш, фабрикаш? Хьан бакъо ца ло вайна? И бакъо ца луш верг кхетаме вало х1унда ца хеа вайна? Г1еттамаш беш болу нах байа атта ду техьа, чу бомбанаш а кхуьйссуш, уьш цхьаццанхьа белхашка д1анисбечал? Да вала ца веза маца а цкъа мукъа кху вайн къоман, болх бан лууче болх а бойтуш, ваха луучунна ваха аьтто а беш, галваьлларг кхета а веш? Глваьлла-ваьлларг вуьйш, дакъазавоккхуш хилча, муха дебар ду къам? Муха дуссур ду ишттачу лаьтта т1е ийман а, беркат а?

     Борз-1ела юха а, воьдай, ша хьалха хиллаче охьа хуу. Юха а лен волало:

     Борз-1ела: Дала диннарг хир ду а бохуш, ваьш цхьа г1урташ лелабо вай. Вай санна Дела дукха вуьйцуш къам а хир дац, вай санна иза 1ехон, лева г1ерташ къам а хир дац. Дера дац… Колхозаш, совхозаш йохай вай, уьш йохайчи ваьш латтанаш, аренаш лелор йолуш санна. Х1инца 1охку, къух а даьлла. Дела-м веза бахарх ма ца тоьу, цо ваьшна деллачу лаьттанан сий-пусар дан деза. Шайн доьзалш цу лаьтта т1ехь болх бан 1амо беза. Т1аккха хир ду вайх бусалбанаш. Т1аккха хьийзар яц коьрте сонта ойланаш. Т1аккха бийр бу Дала аьтто а. Дера бийр бу…

      Борз-1елина люьйш 1ашшехьа наб озайо.  Цунна г1ан ду гуш.
      Борз-1ела гуо юьккъехь ву. Цунна кхеле гулбелла бу: Шайх Мансур, Кунта-Хьаьжа, Яздархо.

     Шайх Мансур: Хьо дуьххьара вац, жима къонаха, кху вайн махкахь оьрсийн империна дуьхьалваьлла хилларг а, обарг вала дагадеанарг а. Яхь, доьналла, нохчалла долчу стагана хала ду харцонаш т1елаца. Делахь а, кхи а хала ду дакъаза валар, доь доцуш х1аллак хилар. Атта къестамаш ца хилла вайн къонахашна хьалха цкъа а.

     Кунта-Хьаьжа: Собар долчашкахьа ву ша, аьлла ду Аллах1-Делан дош. Сихалло хедадо вайн синош гуттара а. Сихонца сонталла ю, собарца – хьекъал, кхетам, ийман. Собаро дерриге а ша д1анисдийр дара, вайн инарлаш сихха даржаш схьалеца ца хьаьвхича.

     Яздархо: Ма-хетта доьхна а дац вайн къоман г1уллакхаш. Вайна дахар дезар, вайна хаза даха лаар, вай вешан яхь, сий, нохчалла дайина ца хилар – цуьнан меха х1умма а дац. Дахьовсал дуьненчохь хуьлуш лаьттачух. Рицкъа сов даьллачу Западехь нехан дахарах а чам баьлла. Адамаш кхоччуш г1еллуш, телхаш лаьтта. Церан ур-аттал бераш дайта а, уьш кхио а ницкъ ца кхочу. Берийн мета ж1алешше, цицигашше кхобуш 1аш бу уьш.

     Шайх Мансур: Сайга х1инца хаьттича, ас г1еттамаш бойтур бацара. Цу г1еттамаша бахьана хуьлийту вай х1аллакда, кхачо. Вай цадезачеран луург доккху вай. Вайн мостаг1ий гуттара а хилла вай кхача а дина, вайн латтанаш шайн доладаха г1ерташ.

     Кунта-Хьаьжа: Летар, нах байар, шаьш т1амехь дайитар – иза г1езот даккхар дац. Вайн нохчийн хьелашкахь г1езот даккхар – деба а дебаш, ийманехь т1ехьенаш кхиор ду. Иштта дара ас дитина весет.

     Яздархо: Бусулбанаш новкъа бу тахана кху дуьненчохь шайх деланаш а бина, дуьненна т1еховша г1ертачарна. Царна бусалбанаш а, керстанаш а бен бац. Царна кху дуьненчохь цхьа а дин доцу адамаш оьшу. Ишттачерах атта лай, ялхой балой хеа царна. Лайша, ялхоша ма ца юьйцу нийсо, иман, эхь. Х1ара дуьне иштта харцахьа х1унда даьлла, бохуш хеттарш а ца до цара.
     Ахчано хьерабаьхна, ахчанца дуьненан амалш хийца лууш лелачарна новкъа бу бакъболу бусалбанаш а, керстанаш а. Цундела бусалбанашше, керстанашше вовшен коча а туьйсуш, вовшен байайтар ю церан коьрта 1алашо.

     Борз-1ела:  Со аш дуьйцучах-м дика кхетара, аш дуьйцург дерриге а нийса а хетта сунна. Ткъа ас х1у дан деза х1инца, сайн ц1а юхаверза аьтто а боцуш, акхавала дезначу?

     Яздархо: Хъо ц1а г1о. Ц1а а г1ой, вайн республикайн куьйгагхочунна т1е г1о. Цуьнга д1адийца, хьуо ФСБ-с д1алаца г1ертаво, алай. Цо вешала дийр ду хьан. Зама хийцалуш ю тахана. Нохчийчохь 1едал нохчийн карахь ду.

     Шайх Мансур:  Хьуо ц1авахча цхьаъ д1аала хьайн нийсархошка. Ши баь1а а, баь1а а шо хьалха хилларш д1адевлла. Дуьне хийцаделла, хийцалуш д1адоьдуш а ду. Нохчий санна майра, доьналла долуш, яхь йолуш к1ентий дукха бац кху дуьненчохь. И шайна Аллах1-Дала делла доьналла вовшен дакъазабахарна т1е ма хьажаде, ала. Вайх доллучу дуьненна а пайда хир бара, вайна лела хиъча. Амма лела хуур дац вай дешарца, 1илманца ца хилча. Хьуна х1у аьлла хетта, Кунта-Хьаьжа?

    Кунта-Хьаьжа: Ма нийса элира ахь иза, Ушурма! Къам дебашший, дебарца цхьане цуьнан хаарш, говзаллаш, кхетам совболуш ца хилахь, вайн т1аьхьенаша «б1ов» бахарххе, царна лета хаарххе пайда хир бац. Лата-м акхарошна а хеа, адамашначал а дика. Аллах1-Дала вайна хьекъал а, кхетам а, ийман а лета, аьлла ма ца дела. Сийлахь Къор1ана чохь аьлла ма ду, лата, т1ом бан муха, х1у дича мегар ду.

     Шайх Мансур:  Сан заманчохь тхуна г1енах а гур дацара иштта аттонаш, парг1атонаш, хазаллаш, тахана адамашна гучуйуьлуш йолу. Хеънехь ас нах герзашка, т1емашка кхидайтур бацара.

      Кунта-Хажа: Иза дара ас имам Шемалца къийссинарг а. Аллах1-Дала цхьангге а ца боху, лета а леташ, дала а леш, дакъаза довла, нагахь мостаг1чо шайга шайн дин, г1иллакхаш, нохчалла д1атаса ца бахахь. Дала ца леш, кхача ца деш, цхьадорлу х1уманаш магайта дезара.

      Яздархо: Цакхеташ, 1овдал нах к1езиг хуьлу зуламхошна юьккъехь. Амма церан кхетам а, хьекъал а д1аоьцу саьхьаралло, церан со-ас хьалхадаккха лааро. Хилларша, историс 1амош хила дезара вай.

      Борз-1ела:  Х1ай сийлахь Кунта –Хьаьжа! Со хьан вирдехь а ма вара. Хьо сан устаз а ма вара. И даккхай терахьаш а дитай, ас бохуче ладог1айша цкъа юха а! Соьга 1едална т1е г1о боху аш? Цаьрга суо аш ваайтина олий ас?

     Кунта-Хьаьжа: (Вела а лой) Сан к1ант, хьоьга ма элира – 1едал яхь йолчу нохчийн карахь ду тахана. Т1ег1о угаре а коьртехь волчунна. Хьо санна болчарца нийсо лело т1елаьцца цара и шайн дарж,  шайн карара герзаш охьа а дехкина. Цара байлахь вуьтур вац хьо.

     Къеганчу прожекторо гучувоккху республикан куьйгалхо

     Куьйгалхо:  К1ант, хьайга дукха стена бахийта  ахь? Хьо саннарш дакъаза баха х1оьттина дац тахана Нохчийчохь нохчийн 1едал! Хилларш д1адерзо, вовшашна къинь1ера довла, маьрша, машаре дахар д1анисда х1оьттина ду. «Гал ца ваьлларг а стаг вац, ша галваьлча юха д1анисвала ца хиънарг а стаг вац» - олуш хила вайн дайша. Хьо саннарш, машаре берза лууш берш кхи ца хьийзабайта ницкъ кхочур бу вайн, ц1аверза. Маьрша ву хьо. Лаахь балха а нисвийр ву. Хьо саннарш оьшу тахана вайн Даймахкехь.

     Борз-1ела: Дика ду. Со шух теша. Со ц1авоьрзу!!!

     Борз-1ела массара а мара къуьйлу.



(КИРХЬА)






15 - сурт


Юха а автостанцехь вовшахкхента Сулима, Муслимма. И шиъ г1айг1ане ву.

 
Муслим: Ассалам 1алайкум.

Сулим: Ва1алайкум салам.  Хезний хьуна, Муслим, сийсара хилларг?

Муслим: Дера хезна. Борз-1ела д1алаца баьхкина хила бохург бакъ дукха?

Сулим: Ду боху.

Муслим: Ма дош дац иза. Бехк боцуш лаца хьийзош ву-кх цара иза. Цхьане девна юьккъе а г1ертар вац, цхьанцца а хьаг1-гамо а лелор яц, шен да ваьхначу кертахь ваха леа шена, аьлла, ц1авирзина ма вара иза.

Сулим: Дера вара. Шен нахана а, юьртана а, махкана а дика к1ант хир волуш а ма вара.

Муслим: Вайшиъ иштта 1ачахь дац. Х1у до вайшиммо?

Сулим: Со а ву-кха цуьнан ойла еш. Цкъа дуьххьара Борз-1ела схьалаха веза, цо цхьа галдаьлларг дале. Т1аккха, иза цхьанхьа д1а а лачкъайна, республикан куьйгалхошна т1е ваха веза вайшиъ. Цара шайна т1е веанарг парг1ат ма вуьту, нагахь цунна т1ехь алссам ц1ий дацахь.

Муслим: Парг1ат а вуьту, таро йоллучу кепара балха а х1оттаво. Нохчий къинхетаме ма бу.

Сулим: Эшначахь майра а бу, эшначахь къинхетаме а бу. Хьанна т1е воьду вайшиъ?

Муслим: Массарна т1е а воьду-кха. Гуш лаьтташехьа стаг дакъаза волийтайла ма дац.

 Сулим: Д1авалол делахь. Цхьа йист ца йоккхуш, юхавоьрзур вац вайшиъ.


КИРХЬА

16 - сурт

     Кертахь г1уллакхаш деш, нуй хьоькхуш лела Асмарт.

     Асмарт (Ша шега луьйш ю) Сан лулахо-м, бандит, хьуьнах чутилла боху. Ха-ха-ха! Суна ма хеара цуьнга шена 1еманарг диталур доцай. Асмарт не дурак! Х1инца-м хала а дацара беш схьаерзо. Асмарт знает. Асмарт не дурак!

    Самарт. (Урам дехьара схьа мохь бета) Ц1анъеш юй хьо, лулахо? Х1инца-м шу къуьйсур бацара аш.

    Асмарт. Дера бац. Едда, хьуьнах чутилла боху бандит.

     Самарт: Д1аяла, 1овдал дерг ма дийца. Нахана хезча а эхь ма ду шен невцана лер.

    Асмарт: Невцаца? Мила ву сан нуц?

     Самарт: Делор яц хьо и ца хууш. Хьайн йо1а Яхас Борз-1елина хан йилланий ца хууш ю хьо?

     Асмарт: Сан йо1а Яхас? (Цецъйолай, карара нуй охьа бужу). Яхас муха юьллу хан хьуьнах уьдуш волчу бандитана? Хьера-м ца яьлла хьо?

     Самарт: Иза-м ма ца 1ийна хьуьнах цхьана буса бен. 1едална т1е а веана, лаккхарчу балха вахана иза-м. Цунна-м квартира а елла Соьлжа-Г1алахь. Т1едог1учу оршот дийнахь хьан йо1 Яха цуьнга маре йоьдуш а ю. Йоллучу а юьртана а хууш ма ду иза. И ца хууш хьо а ма яц. Хьайн зуьдалла соьх лечкъадо-кха.

    Асмарт: (Качлой) Хьажахьа! Я ма яра и йо1 суна реза йоцуш, ас тохара и шу х1унда къевсана, бохуш. Хьажахьа, шайт1а, шен ненах лачкъадо ишттанаг! Боккъала а дийцахьа, балха х1оттайна Борз-1ела? Квартира а елла? Хьуна мичара хеа?

     Самарт. Сой, хьан йо1 Яхий доттаг1аш йолу дукха хан ма ю. Дика ду иза хьоьх тера йоцуш. Амал шен дечух тера ю цуьнан. Хьо санна сиха стаг яц иза. Цо ша дуьйцу-кха соьга дерриге а. Дукхадезаделла ма дара и шиъ вовшен Борз-1ела ц1авеъчадуьнна.

     Асмарт: Вай, со яла елла. Со-м хила а ма хила галъяьлла. Х1инца кхетакха со, и йо1 т1аьаьхьарчу хенахь сайх къехкаш х1унда хилла. Шайт1а, соьга дийца дезаш ма хиллера дерриге а. Аса а сайн политика хуьйцур ма  яра. Асмарт же не дурак…
      

   Кет1ахь машен соцу. Охьавуссай, шен керта вог1у Борз-1ела. Цунна т1ехь ду товш т1емалочун керла духар.

     Борз-1ела: Дедика хила шуьшинан. Шуьшиъ ма лаьтта. Деца, Асмарт, керла х1умма а дуй? Могашаллаш муха ю шуьшиннан?

     Самарт: Керла х1умма а дац. Керла х1ума мичара дер ду аш доккхуш а ца хилча?

     Асмарт сетташ, качлой д1ах1утту.

     Асмарт: Тоьар яра могашалла-м, тхан хенашка хьаьжча. Хьан могашалла муха ю, Борз-1ела? Хьо лаккхарчу балха вахана аьлла хезна, хазахеташ ма 1а тхо-м.

     Борз-1ела: Лакхарай, лахарай-м хаац, цхьа болх т1е-м лаьцна ас, вайн куьйгалхочо г1о а дина.

      Асмарт. Г1ала а г1ой, д1а ма валахь. Х1ара хьайн дайх йиссина керт д1а ма кхоссалахь. Дех йиссанчу бешан сий ма дайалахь.

     Борз-1ела: Д1атосур яц. Х1ара д1а ца таса ма вирзина со ц1а а. Шен да ваьхначу кертан сий дайинче и сий кхи цкъан а меттах1отталур дац. Ден декъах валар Делах валар санна хета суна.

     Асмарт: Иза нийса ду. Дала г1оза вехийла хьо.

     Самарт: Амин. Дала г1оза вехийла хьо а, хьан хиндолу нускал а! Иза аса а, Асмарта а догах боху хьуна!

     Борз-1ела. (Велало) Хеа сунна. Дела реза хила шуьшинна.

     Борз-1ела чу воьду.



КИРХЬА
 





17 - сурт


     Борз-1елий, Яхий вовшахкхеттачу кертахь доккха ловзар ду. Борз-1ела шен накъосташца лулахойн х1усамехь ву. Ловзаран г1овг1а схьахеза кху чу. Леккха куьйгаш а айдой, хелха а юьйлуш, чуйог1у туьканан заведующи Белита. Борз-1елина уллохь а соцай, д1акховдадо цо конверта чохь ахча:

     Белита: Х1ан, Борз-1ела, х1ара тхан туьканан коллектива ц1арах совг1ат ду хьуна.

     Борз-1ела цецволу.

     Борз-1ела: Ахь муха ло сунна совг1ат, Белита, суна т1ехь-м хьан декхара ма ду шортта

     Белита. Дац, Боз-1ела, цхьа а декхара а дац!

    Борз-1ела: Муха дац?! (Цакхеташ вуьссу)

     Цу минотехь доггаха, кхийсса-кхийссалуш хелха а вуьйлуш, чуваг1у ГАИ-н инспектор. Вехха, самукъане хелхавуьйлу иза.

    Балдаев, ГАИ-н инспектор. (Борз-1еле совг1ат а кхийдош): Х1ан, Борз-1ела! Х1ара тхан ГАИН коллективера совг1ат ду хьуна хьо угаре а собаре водитель хиларна!

     Борз-1ела юха а цецвуьйлу

 Борз-1ела: Собаре? И бохург х1у ду? Иза муха гучудаьлла шуна?
 
     Секретарь: Х1ан, Борз-1ела, кху чохь юьртан Администрацера совг1ат а ду хьуна, кредит эца вовшахтоьхна хьуна мел оьшу кехаташ а ду хьуна. Къинт1ера вала х1етахь хьуо хьовзорна.

     Чоьхьаволу Муслимай, Сулимай.

     Муслим: Ассалам 1алайкум! Т1еч1аг1ал и не1, дуьйцург хазайта.

    «Ва1алайкум салам!» - схьаоьцу чохь болчара салам.

     Муслим: Борз-1ела, къиньт1ера вала сунай, Сулиманай. Хьо зен дуккха а х1уманаш лелайна охашимма.

    Борз-1ела: Со зен? Муха х1уманаш?

     Сулим: Ахь хьуо цхьанцца а дов ца даккха, массераца а тарвала ц1авирзина, аьлча, хьо зен дуккха а х1уманаш лелайна оха. Д1о лаьтта Белита оха яайтина яра. Хьо цунна х1умма а декхара а вац. И лаьтта ГАИ-н инспектор а охашимма хьан коча тесна вара. Д1о лаьттачу секретарше хьуна кредитана справкаш ца ялайтинарг а тхойшиъ вара.

    Муслим: Бакъду, хьан коча ФСБ еана, хьан обарг вала дезна, аьлла хезча, оха шимма, ара вьлла, 1едал кхета а дина, хьуна ц1а ван маршо-м яьккхира.

     Сулим: Борз-1ела, къинт1ера вала тхуна массарна а.

     Юха а хелхаран йиш ч1ог1айолу. Чоьхьайолу хелха а уьйлуш, сельсоветан секретарша. Цуьнан карахь кехаташ ду.

     Секретарь: Х1ан, Борз-1ела, кху чохь юьртан Администрацера совг1ат а ду хьуна, кредит эца вовшахтоьхна хьуна мел оьшу кехаташ а ду хьуна. Къинт1ера вала х1етахь хьуо хьовзорна. Г1оза вехийла хьо хьайн жимачу, хазачу нускалца!

    «Г1оза вехийла хьо!» «Г1оза, ирсе, машаре дехийла шуьшиъ» - маьхьарий хеза масссанхьара а.

   Цхьана хенахь кхуьйссучу герзин, автоматин шг1овг1а йолу. «Иза х1ун ду?» - мохь болу цхьана зудчунгахь

     Балдаев, ГАИ-н инспектор: Иза дера ю ФСБ шайгара даьлларг д1анисда ловзарга еана! Уьш-м вайцна устаг1а а бахьаш, баьхкина.

     Борз-1ела: (Вела а къежаш) Аш со тахана кхоччуш цецваьккхина. Х1ара дан а ду Даймахке ц1аверзар. Дела реза хилла шуна массарна а!

     Чоьхьаволу Республикан куьйгалхо. Г1овг1анаш д1асовцу, массо а цуьнга ладоьг1начахь совцу.

      Республикан куьйгалхо: Дала декъала дойла шуьшиъ, Борз-1ела. Муслимма, Сулима кхаьчнера со волчу, хьо д1алаьцна, аьлла. Цу дийнахь доьнна хьан терго еш вара со. Хьо санна масех эзар стаг, мацах цкъа галбаьхна хилларш, бу сан тергонехь. Шу д1атийса, д1ахерда йиш яц. Вай цхьа вежарий ду.

     «И нийса ду!» «Дела реза хила хьуна!» - къобалдо наха.

      Республикан куьйгалхо: Зама шашах хийцалуш ца хуьлу, ша хийцича хийцалуш хуьлу. Кху вайн заманах а, вайн лаьттах а вайна луъург хилайта аьтто бийр бу вайн сийлахьчу Аллах1-Дала, вай вовшен пусар а деш, вовшен лара а лоруш, цхьабарт а хила, д1ах1иттахь. Тахана иштта вешан дахар тода аьтто бу вайн.

   «Элхьамдилла! Дала бу хастам!» - къобалдо наха.

     Республикан куьйгалхо: Ас ч1аг1о йо, вайнчул хаза мохк а хир бац, вайнчал ирсе мохк а хир бац, вайгахь жимма собар а хилчахьанна, вай вовшашца къинхетаме а хилчахьанна!

    «Дала  макъалахь»! – къобалдо цуьнан дешнаш наха.

     С-Х. Нунуев
    город Грозный
    Чеченская республика