Хьаьлим Бурчаев. Кацаев С-Хь. гулдина йозанаш

Саид-Хасан Кацаев
Кацаев Сайд-Хьасанан гулдинчу йозанийн 1-ра том араяьлла. Цу юкъаяхна тайп-тайпанчу шерашкахь арайийлина цуьнан киншкаш: «Бодашкахь», «Молла Несартах лаьцна дийцарш», «Студентан дийцарш», «Яздархочун школа» а. Иштта цуьнан кхоллараллех лаьцна яздархоша, журналисташа, критикаша, Іилманчаша язйина рецензеш, статьяш, кехаташ а ду гуларехь.
Ала деза, Кацаев Сайд-Хьасан шен яздаран хатІца а, юьхьдуьххьал нохчийн юкъараллин проблемаш, цхьана а гурашкахь я бехкамашкахь ца соьцуш, йийцаре ярца а къаьсташ ву вайн яздархошлахь. Цо вайн дахаран ойла, осала агІонаш хьулцаяро шех лаьцна къийсамаш а, резахиларш-резацахиларш а кхуллу цуьнан говзарш ешархойн. И дика агІо ю церан, хІета Кацаевн дийцарш, публицистика а шаьш йоьшуш болчийн синхаамашна тІеІаткъам беш а, шайх лаьцна дийца а, къовса а агІонаш йолуш ю-кха. Биэндацараллин ойланехь витац-кх цара шайна тІе тидам бахийтинарг.
«Ас хІара дешнаш яздечу хенахь, иттех сов шо хьалха (тахана – 25 шо гергга. Б.Хь.), сан критикашна моьттура, кегий нах, сан дийцарш а дешна, шайн новкъа дІадоьлхучу зудаберашна тІ****талур бу. Таханлера де гуш ду-кх вайна… Со тешна ву, тахана, зударий идош, уьш лечкъош, хьийзошберш, вуочу балхана арабевлларш, сан дийцарш а дешна (оцу дийцарша тІеІаткъамбина, цара эвхьазбаьхна бохург  ду и авторан – Б.Хь.) лелаш бац бохучух. Царна деша а ца хаьа (кхузахь автора бохург, йоза-дешар, Іилма, шен халкъан истори, культура, литература а цахууш бу нохчийн юкъаралла сийсазъешберш алар ду – Б.Хь.). Я деша хуург а кхуьуш вац… (Иштта аларца, автора юха а, шен ерриге кхоллараллехь санна, билгалдоккху, тІекхуьучу тІаьхьенна, уьш нохчийн гІиллакх-оьздангаллехь кхиорна, уггаре а чІогІа оьшуш берг синкхача хилар – Б.Хь.). Хуьлуш лаьттачун бахьанаш вайн дахарехь лаха деза вай» («Студентан дийцарш». Авторера), – оцу дешнашца кхетадо вай цу дийцаршна язйинчу дешхьалхенехь Кацаев Сайд-Хьасана шен йозанийн Іалашонех, сатийсамех, лехамех а. Ткъа баккъал а шен халкъах доглозучо дІаолу мел къаьхьа а бакъдерг цу халкъана юьхьдуьхьал, цунна шен сонта, осала, къомаллах духу айпаш гайтархьама.
«Теш», «Машар» дийцарш, «Яздархо, тІом а» эссе вайн литература ешархоша дика тІеэцна говзарш ю, къаьсттина – тІаьххьарниг. Цу эссех лаьцна дукхаммо а аьлла, цу тІехь халкъана хала беанчу тІеман муьрехь бакъволчу яздархочун хила езаш йолу ойла а, граждански къонахалла а гайтарна. И тІечІагІдо халкъан яздархочо Айдамиров Абузара Кацаев Сайд-Хьасане цунах лаьцна яздинчу кехато а: «Амма церан (яздархойн, Іилманчийн – Б.Хь.) талантан а, церан стихийн, Іилманан белхийн а ши кепек мах бац, нагахь санна уьш, шайн халкъана бохам беъча, цунах доглозуш, цуьнгахьа гІо доккхуш, бакъдерг олуш, иза бохамах кІелхьардаккха шен ницкъ кхочург деш бацахь. ХІокху тІаьхьарчу шераша зийна интеллигенци. Сан даго лоьхурш Іаламат кІезиг гучубевлла…». Вевзаш волчу Іилманчас, философин Іилманийн доктора Акаев ВахІида иштта мах хадабо Кацаевн эссен: «Кацаев Сайд-Хьасанан эссехь билгалйолу сюжетан дуккха а агІонаш, царах хІора а йийцаре ян еза нохчийн вайзаманахьлера дахаран ша-ша къаьсттина проблема санна. Авторо меттахъяьккхина тема еккъа цІена нохчийниг хилла ца Іа, и дуьненаюкъара, дерриге а адамийн кханенан ойлаяран хаттар ду…».
Публициста, критика Гайтукаев Асланбека «ХІун ца тоьа-те адамна?» аьлла йолчу шен статья тІехь билгалдоккху, «Яздархо, тІом а» цІе йолу эссе карарчу хенахь дуьнен тІера хьал чолхе хиларна тІедоьгІча, тахана а шен мехалла лаккхара йолуш хилар.
«Терроризмах лаьцна», «Маршонах лаьцна» цІерш йолу статьяш а ю оццу эссен могІарера. ТІом, цуьнан иэрчаллаш, зиэнаш, тІаьхьалонаш йийцаре ярх тоам ца бо кхузахь а авторо. Цо шен кхиэл йо муьлххачу а хиламан, шен таллам а бо, царах лаьцна шена хетарг майрра дІа а олу. Оцу дерригенца цхьаьна цхьа башхалла ю Кацаевн кхоллараллин. Шен дукхахйолчу говзаршкахь иза Іоттаре, сатирин матте волу, ша дуьйцурш мел чолхе, ирча, бохаме хІуманаш делахь а. Ишттачу маттах цо пайдаэцаро а ирйо цуьнан говзарийн сюжеташ.
Халкъан ира, хьекъале дош дезаш, цуьнан чам дика хууш а ву Кацаев Сайд-Хьасан. Нохчийн барта кхоллараллера дийцарш, кицанаш, забаре аларш дуккха а ду цо шен йозанашкахь пайдаоьцуш. Ишттта нохчийн фольклоран турпалхойх лаьцна дІаяздинарш а ду цуьнан: «Курачу Закрих лаьцна», «Къоначу Хьамзатах лаьцна», ткъа Молла Несартах лаьцна дийцарш алсамо ду. Церан могІарера ду Дудаев Джохарах лаьцна халкъо дуьйцу хабарш, «Нохчийн забарейоцу дошам», «Тидамаш» цІерш ерш а.
Яздархочух, цуьнан къинхьегамах, толамех а, иэшамех а лаьцна Кацаев Сайд-Хьасанан «Яздархой» цІе йолу йозанаш цхьацца меттехь ешархочун белар доккхуш, кхечанхьа авторца къовсавала дог-ойла кхуллуш, амма шех юьззина аьлча, дуккха а долчу тІехь шена тІетойтуш а ду. Цуьнан къайле кІоргехь а яц – шен тоьллачу ерриге говзаршкахь санна, кху тІехь а яздархочо говза пайдаэцна сатирех  а, юморх а, Іоттарх а, амма уггаре а коьртаниг – дахаран баккъал а долчу суьртех.  Шена тІе тидам берзош ю Кацаев Сайд-Хьасана нохчийн литературан юьхь йолийначу яздархойх Дудаев Іабдих, Нажаев Ахьмадах а лаьцна язйина статьяш. Цу шимма а, церан накъосташа а оцу чолхечу муьрехь дІабаьхьначу къинхьегаман нийса мах хадор ду и. Ткъа яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан дуьззина сурт-васт ша ма-дарра гуш ду цуьнан «Автоинтервьюхь».
Кацаев Сайд-Хьасанан гулдинчу йозанийн хьалхара киншка ерзайо цуьнан говзарех лаьцна тайп-тайпанчу наха яздинчу а, аьллачу а дешнаша, рецензеша, статьяша, кехаташа а. Уьш бу яздархой Айдамиров Абузар, Гайтукаев Асланбек, Демеев ИсмаьІал, Хамерзаев Зайрбек, Ибрагимов Лоьма, журналисташ Ибрагимов Мухтар, Базуркаев Сайд-Эми, Давлетукаев Анзор, Іилманча Акаев ВахІид, ешархо Мусаев Денилби а.
ХІара керла киншка ешархошна дика совгІат, хьекъале хьехамча хилла дІахІуттур ю аьлла хета.
Бурчаев Хьаьлим.