Нохчийн халкъан исбаьхьаллин культурин

Овхад Шарани Джамбеков
НОХЧИЙН ХАЛКЪАН ИСБАЬХЬАЛЛИН КУЛЬТУРИН
МЕХАЛА ХАЗНА


       Халкъан барта хазна (я фольклор) дешан искусствон шатайпа дакъа ларалуш ду. Археологаша, латта а аьхкина, цу бухахь лехна-теллина, я этнологашна нехан бахамашкахь карийна йолчу ширачу материальни тоьшаллашка ца кхачахь а, барта произведенешкахь хаалуш долу генна хьалха дIадахначун «зов» шена тIе тидам бохуьйтуш ду. Iилманан лехамашка диллича, цунна ондда тIетовжа йиш яцахь а, бIешерашкахь халкъан синкхетам, гIиллакх-оьздангаллин институташ, кхидолу хIума, кхуьуш, заманан йохаллехь, кIезга-дукха хийцалуш, схьа муха деана боху маьIна дан а тарло. Цуьнца йоьзна ю ала мегар ду барта хазнин коьрта мехалла.
Нохчийчоьнан лакхарчу дешаран заведенешкахь (Нохчийн пачхьалкхан университетан, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан), хьехархойн юккъерачу лерринчу заведенешкахь, юккъерачу ишколашкахь, шайн-шайн тематически планашка хьаьжжина, Iамош ю нохчийн халкъан барта хазна. ХIинццалц и болх кхиамца дIабахьа хьехархошна аьтто беш яра 1990-чу шарахь зорбанехь араяьлла йолу «Нохчийн фольклор» цIе йолу гулар. ДоггIуча аьлча, и гулар шатайпа Iилманан лехамаш кхочушбан вовшахтоьхна яра. Цу юкъара дукхаха йолу произведенеш нохчийн меттан диалектийн башхаллаш ларъеш дIаязйина яра. Аша караэцначу хIокху пособина юкъаяхийтина произведенеш оцу башхаллех мукъаяьхна. Цул сов,  Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан а филологин факультетийн «Нохчийн халкъан барта кхолларалла» цIе йолчу дисциплинин программаша билгалйина йолу халкъан барта произведенеш юкъаяхийтина а гIиртина тхо. Кхечу дешнашца аьлча, студенташна-филологашна а, халкъан барта хазна езаш  болчарна а кхузахь карор ю нохчийн фольклоран юьхь еш йолу ерриге а жанраш: Iадатийн поэзи, мифаш, туьйранаш, легендаш, турпалаллин-эпически иллеш, кицанаш, хIетал-металш, лирикин эшарш, дуккха а кхийолу барта произведенеш а.
Халкъан барта хазна къаьсттина дика хаа еза юккъерчу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш волчунна а, шен ненан маттахь исбаьхьаллин произведенеш язъеш волчу яздархочунна а. Къоман филологин культурица доьзна церан хаарш кхоччуш кIаргдина а, шордина а ца Iаш, фольклоро аьтто бийр бу халкъан чолхечу син духе кхиа, цуьнан синкхетаман эволюци а, сатийсамийн амал а ган а, иштта, дагара ойланаш а, иза тешаш хилла хIумнаш а довза а.
Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь «Нохчийн меттан а, литературин а» говзалла юкъаяьккхичхьана (1957) хьалхачу курсан студенташа Нохчийчоьнан ламанца а, охьенца а йолчу ярташкахь дIахьош хилла фольклорни практика. БIеннаш студенташа иттанаш шерашкахь дIаязйина хьалкъан барта хазна цу заманахь кхиамца болх беш хиллачу Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институтан архивехь а, вайнехан филологин кафедрехь а охьайохкуш хилла. И мехала болх 1979–1991-чуй шерашкахь университетан студенташца цхьаьна дIакхийхьира хIокху пособин авторех цхьамма а, вайнехан филологин кафедрин хьехархочо Минкаилов Эльбруса а. Хьалха-МартантIехь, Шуьйтахь, Веданахь, Жимчу АтагIахь, Бенахь, Теркйистехь, ТIехьа-МартантIехь, ЧIаьнтахь, МакIажахь, кхечу ярташкахь бехачу нахах а бетталуш, Iаламат дукха шира хабарш, туьйранаш, мехкарийн эшарш, наьрт-аьрстхойн дийцарш, кхийолу жанраш дIаязйира оха. Царах цхьаерш, шайца хила ма-еззара паспортицаци а йолуш, хIокху пособи тIехь а карор ю дешархошна.
1990–2000-чуй шерашкахь, кхеташ долчу бахьница, сацийна хилла нохчийн фольклор дIаязъяран болх хIокху тIаьхьарчу масех шарахь юхаденбан буолийна НПУ-н нохчийн а, юкъара а филологин Институтехь. И гIуллакх дендан дуолийна хIокху дешаран шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан гуманитарни факультетехь а. Оцу шинан ВУЗан филологашна гIоьнна оха хIокху пособи юкъадалийна леррина дакъа ду, и болх муха бан беза дийцина а ца Iаш, хьалха дIадахначу шерашкахь хиллачу фольклоран экспедицийн цхьайолу отчёташ а йовзуьйтуш.