Гермачигара наьрташ

Овхад Шарани Джамбеков
Энгел-эвлана а, Азамат-юьртана а юккъехь бу Яшарт ц1е йолуш барз. Цигахь а, Гермачиг олучу меттехь а бехаш хилла боху наьрташ. Наха ницкъаш беш бита а ца битина, Яшарт-барзера наьрташ Гермчигахь болчарна т1ебахана баха. Цу шина меттиган юкъ исс-итт километр хир ю.
Гермачиг Энгел-эвлана ши километр къилбехьа, хьалха ю. Йоккха хьет санна горга меттиг ю иза, гобаьккхина яьккхина саьнгар а, цунна гонах бина вал а болуш. Юккъехь цхьа г1ишлош хилча санна беха шу бу, шоралла ткъа г1улч хир болуш. Хьалха, геннарчу ширчу заманчохь хиллачу г1ишлойн сурт ду цуьнан.
Шайна чу къовлабала Гермачиг бохучу ч1аг1онна чу булуш, юккъера латта ара а доккхуш, гонаха к1орга саьнгар а, лекха вал а бина наьрташа, адамаш т1е ца кхачийта. Цул т1аьхьа, нахана ца хоуьйтуш, лаьтта бухахула саьнгар а яьккхина, геннара хи далийна, ара ца бийла а, т1амах болчу кхерамах ларбала а. Шайна даа ялта а, даьхний а гулдина цу чу боьлла уьш.
Хьалха наьрташа ницкъаш беш, ца буьтуш хьийзийнчу наха, гул а белла вовшахкхетта, бахана голаьцна наьрташ чубоьллачу ч1аг1онна - Гермачигана. Амма г1еххьа к1отарал йолчу Гермачиган ч1аг1о онда йина хилла, нах х1етахь йолчу говзаллийца чу а ца бахалуш, валах дехьа а ца бовлалуш бисина.
Шайга царна х1ума ца даделча, наха кхеташо йина: цу балхана х1ун далур дара техьа аьлли. Вовшех дагабевлчахь, нахана дагадеана, царна миччара даг1ахь а, цхьанхьахула хи т1е дог1уш хила деза аьлла. Мала хи ца хилчахь уьш мегар бацара аьлла.
Гермачигана т1е хи мичара дог1у хьожуш зен, цхьа йоккхастаг йолчу бахана уьш цунах дагабовла. Нахана дага ца дог1ург дика хууш, кхетаме йолчу йоккхачу стага аьлла:
Цу наьрташна т1едог1у хи, миччахула делахь а, лаьтта бухахула дог1у. Иза гучадаккха реми юкъара кхаара эмалк айг1ар-говр лаца еза. Оцу айг1арна кхаа дийнаххьий, кхаа бусий кхерзана мукх бао беза, хи а ца молуьйтуш. Т1аккха иза хьаг а бина, д1ахеца беза. Иза мича боьду хьожуш тергал бичахьана, цо бахана гучайоккхур ю наьрташна хи т1едог1у меттиг.
Йоккхачу стага шайна хьехар ма-дарра, реми юкъара кхааричохь болу айг1ар а лаьцна, цунна кхерзана мукх а баийна, иза д1а а хецна, т1аьхьабевлла юьртара нах.
Кхаьрзинчу макхо чо а ягийна, хьагбелла, б1арзбелла эмалк айг1ар, массо а меттехула д1асахьаьдда, Гермачигана уллора дуьйна хьожа а бохуш, йортахь бахана Кхошкалде кхаьчна. Цига д1а ма кхеччинехьа, Кхошкалдена уллохь, рег1а к1ел яхана, цхьана-меттехь хьалхара т1а детта йоьлла говр. Айг1аро т1а тоьхначохь хьалха цкъа поппарх йина кхийра бирг1анаш, т1аккха царна чухула Гермачига кхаччалц охьадог1у хи гучадаьлла.
Айг1аро лелориг а гина, т1аьхьаваьлла хьожуш лелачу стага, хит1е охьа а таь1на, ч1ог1а г1адвахна аьлла:
Ай, Кхошкелди (Г1умкий маттахь, ой, марша да хьо, бохург ду иза).
Адамаш сов хазахетта хьаьвзина. Цу меттехь йиллина ю боху х1инца а нах бехаш йолу юрт - Кхошкалде. И хи карийчахь аьлла долу "Кхошкалде" шен ц1е а йолуш.
Гермачигахь болу наьрташ лаьтта бухахула, бирг1анаш чухула, шайна т1е дог1у хи хадийна сацийчахь, хьогаллийна ницкъ а хил-ла, цул т1аьхьа мацалла а х1оьттина, цу орчохь белла, х1аллакь-хилла, арабовла а ца баьхьаш бохуш дуьйцу. Цхьаболчара, г1евттина, къайлах генна д1абахана а олу. Цигахь дикка хан яьлчи а карош хилла цара лелийна герзаш а, пхьег1аш а, кхийолу х1уманаш а.