Наьрт-аьрстхойн паччахь Наураз

Овхад Шарани Джамбеков
ВАЙН махкахь - Нохч-Г1алг1айчохь баьхначу наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш дуккха а ду. Наьрт-аьрстхой Нохчийн махкахь а, Теркайистехь а, Г1алг1айчохь а баьхна боху.
Ножин-Юьртана гонаха баьхна наьрт-аьрстхой. Цигахь болчу наьртхойн паччахь-тхьамда хилла боху Наураз. Иза ваьхна г1ала хилла боху меттиг ю Ножи-Юьртана дукха гена йоцуш ломан коьртехь. Г1ала хилла меттиг йоьхна, заманан йохалла, текхна бердаш ду гуш.
Цул дехьа Г1ера-гоьза олуш лам бу. Цигахь наьрт-аьрстхо Г1ера ваьхна. Наьрт-аьрстхо Г1аьла ваьхначу меттигах Г1аьла-чурт олу, И чурт ду боху пхи центнер беза хир болуш болу т1улг, Г1аьлас кхо километр лакха лам т1е хьалабаьккхина. Лам т1е хьала а баьккхина, ластийна тоьхна лаьттах бахийтина боху и т1улг. Цунах аьлла цу меттигах "Г1аьла-чуьрте".
Кхаа лам т1ехь вехаш хилла Наураззий, Г1аьлий, Г1ерий. Цу кхаа ломана юккъехь пхиъ-барх1 километр юкъ хир ю. Вовшашна хьашт а хилла меттиг хилча, мохь ма-тоьхханехь, цхьана лам т1ера вукха лам т1е диг кхуссуш хилла цара.

Ножин-Юьртана гонах бехаш 1аш наьрт-аьрстхой болчу заманчохь, лаьттан парг1ато лоьхуш, Нашха-Юьртара нохчий баьхкина боху Ножин-Юьртана лаккха, Сесанан районерчу Ц1онтара. Цигахь нохчаша бартбина хилла шайна баха наьрт-аьрстхошкара мохк баккха.
Хьалха цкъа бертахь бехна нохчаша мохк. Наьрт-аьрстхоша бертахь ца белла иза. Т1аккха нохчаша аьлла: "Ворх1 дийнахь шу кхузара д1адовлахь оха х1умма а дийр дац шуна, нагахь санна аша цу хенале тхуна мохк схьа ца лахь, тхо т1амца т1елета шуна".
Шаьш йиллинчу хенахь наьртийн эла, паччахь Наураз а, цуьнан накъостий а д1а ца бевлча, нохчий царна т1амца т1елата кечбелла.
Борх1алг1ачу дийнахь лаьмнийн массо а кортошкаххьий, басешкаххьий лекхачу г1уркхашна буьххье къаьжнаш а хьарчийна, царна т1е ц1е а латийна, массо а маь11ехула Ножин-Юьртехьа т1ебуьйлабелла нохчий, маьхьарий а детташ. И берриге а лам ц1е йогуш гича, цунах кхеравелла Наураз а, цуьнан эскар а дедда Теркал дехьадаьлла боху, т1амца дуьхьало ян а ца даьхьна.

Нохчийн фольклор.
Х1оттийнарг - Овхьад (Ша1рани) Джамбеков.
"Наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш".