Ирсана т1ебоьду некъ

Овхад Шарани Джамбеков
Поэзи — ламанан бохь лерина воккхачу поэта. Мел аьхна хиларх цунна т1едоьлху некъаш, лакхенан ирс довза наггахь волчу дешан говзанчан бен ницкъ ца кхочу. Делахь а, и г1уллакх, ламанан басехь нох таса санна, хала а, шовдан чохь нур литта санна, чолхе а дуйла хуъушехь, цкъа цуьнан исбаьхьчу йийсарехь хан-зама текхначо, т1ера нуьйр схьа а эцна, сапарг1ат ца йоккху шен поэзин алаша. Х1унда аьлча, куьцана лелош болчу дине д1акхехьалур боцу дела поэтан синхаамийн мохь.
Касумов Сайдмохьмада, поэзин лакхене боьдучу некъах ца туьлуш, къахьоьгу дикка зама ю. Цуьнан хьалхара а, шолг1а а поэтически гуларийн башхалла хийтира суна доццачу маь1нечу дашца шен поэзиезархо доккхачу дахаран къайленан тхов к1ела вига г1ортар. Изза философи карайо х1окху вайн карахь йолчу байтийн гуларехь а. «Сан цкъа а хир яц поэма, Со деха яздан ца 1ема...», - бохуш, д1ахьедо цо. Цул т1аьхьа цуьнан бахьна а дуьйцу исбаьхьчу вастаца: «Асарна бахбелла lexa, Лууш вац сайн байтех хьерча». Лаккха ладаме жам1а до: «Моссаза, хьаьнга ладоьг1на, къамелехь хьевеллачуьнга?»
Шорделла го поэтан теманийн кочар а: деца хилла лерам, ненаца даза дисина къамелаш, къонахех, Даймахках дош, д1аяхначу ханзамане хьаьжна доцуш, цхьажимма схьакегийча, овкъаршлахь гучуюьйлу безаман алу... Ненан маттах ала дош дисний техьа аьлла хетачохь а, шен хазна йилла гlepтa поэт. Наггахь, хьехаман, кхайкхаман новкъахь иза нислахь а, «Ненан мотт, хьо бека бисалахь Тахконза дисинчу аганна...», - бохучу байтехь шатайпа xlyo хаало.
Махкана т1ебоьссинчу бохамех, доьзалах 1итталучу сингаттамех чекхвуьйлуш, са дуткъадалар бахьнехь, хьалхарчу байтийн гуларшкахь ца хааеллачу дешан зоьрталло воккхавево. Чов йинчун бен лазам декъал ца бо...
Яхначу замано дукха меттиг д1алоцу Касумовн поэзехь. Тахана хуьлуш, лелаш долчунна иза т1аьхьа ца кхиарца доьзна а хир дац и. Тахне, х1уъа аьлча а, дагах чекх а яьккхина, сица листа а листина, охьа а йиллина, шовда санна, хьаийта езийла хаьа цунна. Ткъа кханенах ийзалуш санна хета поэт, х1унда аьлча, кхана, «кхане а ца ларлуш, Дош аллал дайх» ша сонта ву аларх кхоьруш.
Касумов Сайдмохьмадан поэзин синхаамийн «дуьненан хьийзар» к1орда ца до, хьоькхучу дорцан к1урк1аманехь синтем лоьхучу цуьнан ойланаша дуьненан мехаллийн к1езгалла гойту. И ду дагна хьаам беш дерг. Луьйта а лаьцна, бере динна т1е хаийтинчул т1аьхьа дуьйцург некъана хьем бар ду.
Аьхна хуьлда, Сайдмохьмад, хьан поэзин болар т1ейог1учу заманахь а.