Дакъазбевлла нах лела мохк – кхуззах,
Веччун лаьттахь, леччун лаьттаха,
Баллалц ц1енош ийда - бовла кузах,
Барме ийба – молург кад къаьхьа…
Ц1а чу ваьлчо – чухаа сом лоьхуш,
Чухиъначо - чукъовлавала,
Хьодий-водий, виран маххьаш кхоьхьуш,
Доррах деъна - дезза д1адала.
Да ма виса декъал хилла воцуш,
Хилла хьекъал, доьзал кхабийта,
Парг1ат ваьхна, б1аьрге са ца додуш,
Атта лехна – атта б1аьрг бита!..
@