Дела-бер, на чеченском языке
Кху Лаьтта т1ехь хьал дезна,
Цунна хьийзо кхоош хье,
Хьейга вахча – доглезна,
Араволу г1елалле.
Хийлачуьнан - хийлазза
Кураваьлчун лан хичаш,
Воьлуш лелаш - вехказа,
Велхаволчун - з1е гича.
Тамашбо, ша-шеггара,
Шенна х1аллакбечух хье,
Шен сий зийна лаххара,
Хьаьгнарг долучух эхье.
Жоп ца дезар к1оргера,
Хаттарш дина, - тамаше:
Там бар гейна синера,
Я син 1илманан 1арше?
Берахь кога берзина,
Бай-ба1ехь ловзуш иддорг -
Схьадохьург ахь генара,
Хилла кийран саде1орг!
Ойла йойтий, ц1ийх кхеташ,
Дика-вон хьой дог хебо,
Ловзадохчо синпхенаш -
Ахь ша бер… дицдахь къанво!..
@
© Copyright:
Хасаин Идрисов, 2012
Свидетельство о публикации №212042501798