Вайн бешарчу хьуьнан 1ам т1е
Дашо чопа тесча,
Дайх бисинчу ширчу лам т1ехь
Коьман керчий летча,
Хьан бесниха, дагах кхетта,
Жовх1ар-седа – б1аьрхи,
Дакъор дара, ас ц1а веъна,
Собар хьоь даделча…
Ахь генарчу - кху махкарчу
Мехкарех догдехи,
Хьайн хазачу суьртан б1аьре,
Ахь со хийла хьежий,
Жимчохьлера - ахь цхьаъ йолчу,
Сан нохчоерг мерза,
Хьайн Генара ишарш ярре -
Даге йовхо йийли…
Лам т1ехь хьажий анаюхе,
Лаха лахе дуьнен,
Со леларг гур - уггар лахе,
Малх ца кхета соне.
Ю еа кху дуьнен маь11ехь
Цхьаъ сан маь1иг ирсе:
Лома йолуш, хьажа б1аьрхе,
Ахь яккха ерг ирхе...
@