Де-дийне, шо-шаре, йоьду хан,
Диг детташ, ца кхиош охьаетта,
Рузманаш эт1адан адмаша -
Нана-хьаннаш…
Дош-даше, ц1ий-ц1ийне йоьду хан,
Маьждигех рузбанан мохь бетташ:
«Хьукмадарш совцадо руку1ша -
Кхера адамаш!»
Т1еххула Дуьненнал йоьду хан,
Лаххахьа метта-мотт шаьш бетташ,
Виллал ор - долалле адмаша
Туьйсуш цергаш.
Кхеттачух Серло – Бода лехан,
Бекъабан, гешна дан 1индаг1аш,
Буьртиг а Серлонан буъчуша
Туьйсуш к1омсарш.
Массарна цхьанна т1ехь сецча хан,
Хьукмадар хилчунна пешт детташ,
Маь1наллах: «Серло яц ян а цхьа», -
Гежаш к1омсарш,
Г1ертачун Серлоне лакхенан,
Ког лоьцуш, ша вухаветташ,
Тем хуьлуш: «1уьрг дехьо даьр ара», -
Хан г1о меллаш!..
@