Мука яла1 малаза, на чеченском языке
"Мука яла1 малаза" -
Шок лоькху мох,
Дара хьоь алаза
Дош цхьа-ши-кхоъ…
Берда т1е етталу тулг1е санна,
Х1орд ловзорг - хьуо моьттуш - дарц дицдина,
Кхоьхкуш ву хударх хьо, лоппаг хилла,
Херсешна луш йолу диларш хила.
"Мука яла1 малаза" -
Шок лоькху мох,
Сагатдан цхьаллиг цхьаъ
Вуй хьан, я мохк?
Шена ахь са д1алург къона волуш -
Хьо саннарг марахьург, ахча долуш.
Хьаьрса г1умлаьттан оран кошана
К1ус тилла кад кховдор - эхь нохчашна!
"Мука яла1 малаза" -
Шок лоькху мох,
Дуьсур ду дааза,
Малаза хьох!
Дагна хьан хьистинчух хилча бала,
Хилла г1ан дисинчух набархвала,
Ара ваьнволчул къанойх куй тилла -
Самацавалар хьо г1олехь дара!
"Мука яла1 малаза" -
Шок лоькху мох,
Салам д1алолахь сан –
Т1ехдалахь хьох!..
@
© Copyright:
Хасаин Идрисов, 2012
Свидетельство о публикации №212041101518