(«Дон-Кихот» тептарх фантази)
Дошах дош деза,
Дешин механ
Бу мотт нохчийн
Оьзда нехан,
Азаллах беъна
Дуьнена чу,
Абаделц беза
Ша, нах болчу.
Бетта цу маттах
Синпха даго,
Беза дуй бао –
Хила К1ант хьуо,
Д1адевлларш дуьйцу
Иллеш олуш,
«Хьанехан минех» –
Хьан ц1е йохуш.
Гома нах Арен
Шех белабеш,
Ломан К1ант Нийсон
Цхьаъ лелавеш,
Таймин Биболат,
К1ант Жерочун -
Велла Дон Кихот
Х1ор Лома чу.
Чож лекха дин, -
Хьо мичахь бежа,
Данч1ин Къансан
Вир шеца ежан,
Лаллийтан говр,
Вир б1озза шеде,
Лацийтан-кх яйнарг
Г1енах б1аьрге!
Йинаерг ян юй
Шена цхьанхьахь -
Винаверг шена
Ден К1ант ломахь?
«Цкъа делча дуьне –
Эрна деха-кх!» -
Ше аьлла, йоцург -
Янне, лехан-кх!.. -
Сийдолчу Къансан,
Х1ай хьо, Данч1а,
Б1еннах цхьаъ хьеро
Т1уьск хьан ахьан,
Архашца Г1ала-
Г1айре лело
Г1ор вайша! - аьлла
Говр, вир лелло!
Виранна дахан
Т1емаш Данч1ас,
«Дуьненан цхьаъ ду-кх
Аз - ахчан къарсс!..» -
Бергаша виран
«1илма» хьон ц1ок
Дерзадеш нахе,
Хьеган цо токх!
«Хьажахь д1а, Аббат –
Къуръа хьайн дерг,
Хьер хьийза!» - аьлча,
Хезнадерг лерг
Летавеш махах
Хьен пиллигах,
Дузан шен галеш
Цо жуьйр-демах!
«Т1едог1у, к1ант,
Йаум аль-джума,
Саг1ин де деза, -
Тасо х1ума…» -
Хьаьгчу Данч1ина –
К1антах хьурмат:
Хьан синначарна –
«Шайт1ан зурма».
1аьнарха йовха
Мелчхин тог1ехь,
Даь1ахкаш энийн
Йохъян сецчехь,
Тиларчу Данч1а
Г1ан мехкарех -
Йилбазаш девлча
Хин 1аьнарех… -
Х1инццалца «чуьрчо»
1ехор «бергех»,
Декха шайт1анна
Жоьжахатех,
Меле хир, кхехко-
Кхарзо, Мелчхе,
Зуда-г1ам кхоссина
Шех ц1ере! -
Гумсаха ваьлча –
Устрадахула,
Хаза къунс-къинс
Варзабахула,
Бисмилна божа
Кхиацалун -
Хьуон, доху кортош
Бежан Аргун!
Лакхахь баланех
Уккал дог1уш,
Орга т1ехдуьйлчохь,
Говрийн дур хьуш,
Даьржа ц1а –
Мохк бац Дукхаяхий,
Дагна цо харжа –
Нанас яллий!.. -
Тасийта х1инца
Чан хьайн бокъе,
Шахьар т1е, шога,
Т1улг-пурхене:
Хир холкъда хьох,
Сох - хьан мулг1ане! -
Аьлла т1ехао
Данч1а вир т1е! -
«Ца вуолу хьоьца
Со Г1айрега,
Ц1е йогуш гучу
Жоьжахатига,
Гейн-лоппагийн
Чорпа кхехкачу,
Шайт1а дедда –
Нах енах лелхчу!» -
Аьлча – ала:
Варзап хьох кхетарг,
Виелаваларг, -
Т1аьххьаре хинверг
Ц1арна Ена
Сирнак шехь хин ерг
Седажайнан –
Хьо ву х1уттушверг!..
Сурат «таббат»
Деша г1айг1анийн:
«Сайсла наран
Зата лаг1абин…
Х1ун дер ду хьуна:
Хьо къарцало-кх!» -
Хьалхаян говрал
Вир, лонг-т1ох-лонг…
Хьан, нохчийн мотт,
Лекъжиг карадан,
Дерг шен д1акхоьссина –
Делладан,
Ваьлла - вахан-кха
Хьоьга Поэт,
Ламанчихь санна,
Цхьа Дон Кихот!..
Ден К1ант Исс Пхьан
Ломан - Дон Кихот,
Санча Панса -
Данч1… Къанс… - карчац мотт,
Лаллий, и шайн
Береха ковра,
Къена пекъарш,
Безамга довла!
Ц1е тилла шайн
Дульсинеяна:
«Дукхаяха» -
Поэтийн къинна.
Цуьнан сийнна
Нийсонна лела,
Ламанечоьх –
Ламанчи елан!..
@