Дарце, на чеченском языке

Хасаин Идрисов
     Дай Сибрех г1уране хьерчий ахь,
     Мекхан юьхк бетехь бер г1орий ахь,
     Дарц, декъийн хьаьрманаш ехки ахь,
     Хьайн мехий даь1ахкех дехи ахь.

     Хьо х1унда уг1у дарц тахана,
     Бухбохуш орамех дай баьхьна,
     Уг1адеш, боттабеш шалона,
     Къемат-ден т1ай т1е хьош Теркана?

     Ас когаш беттар-кха хьан лош т1е,
     Ас бераш дохур-кха хьан гу т1е,
     Ас, къуьйлуш, дохур хьо хьацаре,
     Ас, воьлуш, йоькхур хьох Сибаре!

     Къизачу кхолламан агане,
     Воккхур вац нохчийн к1ант дуьнене
     Кхин хьуна Сибрерчу хьан Далла,
     Боберах вилхина йиш хала.


                @