Баьгна седа, на чеченском языке

Хасаин Идрисов
                Нанас дена вешшехь к1охцалх ира хьо ца винехь,
                Ловзуш, кхуьуш, беран яхь беранна ахь еллехь,
                Нагахь тахна харцлуьйчеран бартбан дош ахь аьллехь,
                Вайшин седа баьгна баьлла алалахь.




                Кху дуьненна 1ехавелла - могаш ца висанехь,
                Декхарийла б1аьргаш цхьанна когашка хьежнехь,
                Хьайн жималлах тоамаза - юхайоло хьегнехь,
                Вайшин седа баьгна баьлла алалахь.



 
                Хьайн дахарехь, нагахь цхьанна ямарта хьо хиллехь,
                Нах пебетта хьуна болчу ара хьо ваьллехь,
                Кар-кара луш дечигпондар, иллехь нахехь нислахь,
                Вайшин седа баьгна баьлла алалахь…



                @