Йистйоцу бе’ха некъ,
Бух боцчу дахаран,
Селхана лиъначух
Кхин лууш тахана,
Цунах кхин лиъначух -
Нохчоллах ца ва’ла,
Со хьоьца оьху-кха
Дуьнен т1ехь цхьаъ волчух,
Геннара хьоьжуш 1еш
К1орггера сайн бала.
Туьх-сискал диънаверг
Сайн ненан виц ца ван,
Е’кхаза йисна ч1ир
Маьршаян ц1а ва’лан…
Йистйоцу беха некъ,
Хьаст доцчу дахаран,
Мичхьа и лиеха-те -
Х1ун лоьху ца хаан?
Тийначу х1ордашлахь
Лаьттаюкъ лаьцна х1орд,
Хьан лекхчу г1алашлахь
Синкъурд бан бац хинкорт!
Ирс долчун хила каш -
Ирс доцург вайаван,
Ийъий борз-байракхаш,
Сий доцуш, т1емаш бан.
Йистйоцу беха некъ,
Хьовззош хьо, - буккъера
Баьхьча лечкъаче лекъ,
Цанашла Нохччуьра:
Ч1енигаш елалуш,
Болло к1айн заза луш,
Шарахь х1ор цкъа хазлуш,
Беш хир ю сан къанлуш.
Шоршало етта шок -
Бералле шен етта
Де дагза лело мохк -
Дуьне дац-кх нохчк1ента!
@