(г1азг1умкийн йо1ан йиш)
Белш т1е стенна еттало хьо,
Ма'роша соь бегаш беш,
Лелалац-кх дегала сох хьо,
Вайга б1аьргаш къерзадеш!
Х1ай, сан, сарахь сакхачийнарг,
Ц1естан к1удалар булкх, булкх,
Хи т1е ванза - велла висарг! -
Белшана хьо йеза ю-кх.
Сох кхозу - сан дег1ан сибат,
Кху Т1улг-эвлахь хих лелан,
Хьагвеллачо - дог шен дитан-кх,
Соь ца дохуш, хьо малан!
Эвлан пхьеро дилха огуш,
Вайшиннах ж1ов еттаеш,
Дешин г1ели дуьллур, бохуш,
Хьеший даг т1е г1ертий – эшш!..
Хьо вайн къайле кхехьна ялан-кх,
Кийра ца беш шанах сан:
Къизчу пхьере маре дахан-кх,
Дилха огу ж1ов яйъян…
@