Мерза са, на чеченском языке

Хасаин Идрисов
       Уггаре мерза хьан са д1ахьуш,
       Стигларчу хаьштигна к1елваьхьча,
       Ткъес тоьхна, дитт кагдеш, тата хьуш, -
       Висча, хьуо мила ву хаьа-кха...



       Бацала зезагаш кегдан г1уш,
       1аьржачу мохано дог1а хьош,
       Цаьпцалгаш гонаха кхийсалуш,
       Хьозано деттачохь т1оман пхьош.



       Докан хьун елхаеш, селасат,
       Маьхьаре, къийгашца тебча д1а,
       Хьайгахь ахь сецийнарг сел хала -
       Садаьхьнарг мила ву ца хиъча…



       Хьасанах хаддалла мерза са
       Лардешшехь, лазабарах  кийра,
       Д1адедча - и х1унда дедда-ца
       Хааза валаверг - вац г1ийла?..

                @