Ж1аьлийн 1едал на чеченском языке

Хасаин Идрисов
            (басня)

Зуд-ж1аьло хьоьхура к1езана хаза:
«К1еза, хьажал, - к1езанер дуьйна
Кху кертан латаран белхаш ас банза
Бисна бац, цундела со дуьзна.

Дац хьуна кхин дика 1едалш хуьлуш а,
Цалеточун бага шен цунах,
Шен дена мотт хьокхчун вуьжуш-г1оттуш а,
Хадечунна цуьнан шен буьнах.

Хьуна а моьтту хир, галстуках гича
Буьнехь болх бийрг, хьеше маршална, 
Цуьнан ге меца яц - чаьмний керт хилча,
Болх беш ду,  доьшанах, 1едална.

Пхьу цунна!.. Мотт нехан гуйнахь бисан-кха!
Зорх муттан бага ма юзан-кха!
Д1а1уттург кхеллих даь1ахк йицъяла-кха!
Гуй хьенан кхин? – ойлано  ден-кха! –

Х1аъ, иштта бу сардам леларг йовссарна,
Лерг хьостург, г1аж лелаш шен букъца.
Сел аьзнийн къамел цхьаъ делла массарна,
Бартбетта аз цхьатерчу «г1алхца».

Хьо х1инца хьажлуо вайн керте некъаца -
Йовссаре, дог1чу ког айбана!..
Хьоь иза лаллалахь келап-гонаца,
Дас кхуссур вайн кхимаре гешна!» -

Шен ненах гамо ж1аьле -  шегахь хьайна,
К1еза д1ахьада, кхоссаделла,
Церг йовссарх тесча, к1омсар шеха яхна,
Духадерза, «1аз-1из» а лелла.

"Ж1аьлешна, вайн, вовшийн х1унда дезаца, -
Хатта нене, шекдаьлла цунах, -
Да' сан дан дарий?» -  Шен «гара» довза-ца:
«Хьан да - йовссар - сан берех цхьаннах !..» 

                @