Гулбина г1урт, ду цхьа чурт на чеченском языке

Хасаин Идрисов
Цкъаллиг цкъа а дагахь дацара,
Айс ойур ду хьуна куьг,
Хьо цецйоккхуш, ас туьйхи т1ара –
Вайх даьккхин хир-кх берзан г1улг.

Айана айс-сайна хиллера -
Безамна айана куьг,
Айс-сайн динчу эхье ваьккхира,
Къере йоцуш сайха цуьрг.

Иза - къаста бахьна-м дацара:
1аламца дар-кх зезаг, ба1...
Хьо ц1ахь елхаза хиллехьара -
Юхахьажо  нанас йо1.

Хан д1аели, - цочул яцара
Суьдхочо йийр къиза кхел:
Ц1а ца верзалуш ген-арара -
Ц1а дицдина лийли мел!

Хан д1аоьху, - тохаралера
Вайшиъ дайна – ду цхьа сурт.
Дайнчу дагна х1уьттарера
Гулбина г1урт, долчух чурт:

«Вуй могуш и? Болх беш вуй те?" -
"Вожанза ву … Цхьа ц1е-м ю…" -
"Ю-й зуда цуьн? Бераш дуй те?" –
"Лаьхьа-м бу цхьаъ… Арданг ю…»


              @