Деган къайленаш

Зура Итсмиолорд
Берцаккхокха сайна бешахь карийча,
Лайн чима хилла луаш яра со.
Диттана харачохь тарсал гича,
Хьун-б1ара хилла реза яра со.

Сарахьа-сурейнца буьйса т1етаь1ча,
Стиглара седарчийн тача дара со.
Терсаша говра сайна хезча,
Татола хилла 1уьдара со.

Хьо вог1а аьлла сайн лере деача,
Же! Чехка оли кечлуора со.
Бозбунча ди1на хьан кийрачу яла
Дагара хаа г1ертара со

Ахьа соьга кховдина хьан куьгаш лаца,
Сан деган  г1ап делла хьуна доьхалл
лайн чима йирзийна 
йешийра со.