Безаман синтар

Зура Итсмиолорд
Х1у де ас царна? Х1у де ас шунна?
Т1улган дог сан ца хилларна,
Адам хьегор ас ца дарна.
Шайн дегнашна буржулш тоха,
Шайн синошна синтем беха.
            
Безаман синтар хьакха ма г1ерта.
Доьзалан жималлан г1арол ма де.
Кураллан амалаш  охьатаса.
Дахаран тухьатаса т1адам тоха.
 
         ***    

Х1у де ас царна? Х1у де ас шуна?
Сирлачу ойланца  кхарста дахна.
Кхехкачу даггарца безам лехна.
Гел хьовзош гергалло ч1аг1дина,
Хьенапан шаьлта охьайилна.

Безаман синтар хьакха ма г1ерта
Доьзалан жималлан г1арол ма де.
Кураллан амалаш  охьатаса
Дахаран тухьатаса т1адам тоха.