Гадаев Мохьмад-Салахьан феномен на чеченском

Ибрагимов Лёма
               

     Яздархочун кхолламан хронотоп.
Дуьненан 1илманехь хууш ма-хиллара: муьлхачу а х1уман, муьлххачу хиламан шен хан а ю, шен меттиг а ю. Цунах лаьцна вайн халкъан кица а ду – х1ора х1уман шен сахьт ду.      Похьме поэт, прозаик Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909 шеран декабрехь  Нажин-юьртарчу Чуьрч-Ирзехь. Циггахь, ша винчу Чурч-Ирзехь, 1972 ша-рахь кхалхар а нисделла цуьнан [1, 4]. Шена Дала делла дуьне-1алам, не-къаш (Чурч-Ирзе – Нажин-юрт – Нохчийчоь – Къилбаседа Кавказ – Юккъ-ера Ази) мел йоккха хало-харцо т1ех1оттарх, адамаллех ца волуш гездина Мохьмада-Салахьа. Са маьрша адам хилла Гадаев. И са дукха т1ех маьрша хилар ца магочу системан хьадалчашна б1арга а вахна, ша дуьнен т1ехь яьккхинчу 63 шарах "30 шо гергга хан набахтешкаххьий, ссылкехь а яьккхина" [2, 31] цуо. Шена хьалха х1уьттучу дахаран тайп-тайпанчу чол-хечу хаттаршна  кхачаме жоьпаш лоьхуш, теллина шен халкъан кхетаман а, синкхетаман а дуьне. Цу декъехь дуьненаюккъерачу (дукхахьолах, Евро-пан) 1илманийн кхиамийн маь1не-дуьхе кхийдина [2, 31]. Пайдаэцна  (гочъеш-йоьшуш, композицийн хот1е кхийдаш) оьрсийн, Малхбалерачу, Малхбузерачу къаьмнийн литературех, церан литературийн ламастех.
    Кхолламан а, кхоллараллин а контекст. Гадаев М.-С. оьмаро чулаьцна хан – кхолламна кхаьчна зама – вайн халкъан исторехь аттачех хан-зама ца хилла: дуьненаюкъара ши т1ом (1914 – 1918; 1939 – 1945),  оьрсийн рево-люци (1917), социализман г1уданаш – коллективизаци, индустриализаци (1920 – 1940), халкъ махкахдаккхар (1944), тахна а йист яланза ц1адерзар. Цу юккъехула, нохчийн маттахь г1иллакх-г1уллакх а дуьйцуш,  г1иллакхах хьаса шайца боцчу нехан ямартлонаш, къизаллаш. Дуьне даьккхина саьхьа-ра меца синош. Халкъах къацахетарийн тобан декъашхойн дукхалла, церан синмецалла. И шадерг ган а, лан а мел онда собар оьшу кийрахь дог долчу адамна. Тоьлар воцчохь, девне ца вала, кхетам боцчохь, даше ца вала. Дог б1арзечунна х1ун хала ду собаре хила, харцонца тарвала, цунна к1еласаца? Ца гушдерг, ца хезашдерг доцчу метта ма ду. Хезна олуш: "Гадаев М.-С. декъаза кхоллам болуш адам хилла". Аса цуьнан кхолламах лаьцна иштта эр дацара. Мохьмад-Салахь шен даго ма-бохху ваьхна, шена ма-хетта. Хьалхе, хьалха а лелхаш йоккхуш йоций шена вуно дика хаарна, мот-тарг1нашкий, х1илланашкий ца кхийдаш. Доцург ду а ца бохуш, хетарг хе-та а хеташ, луург лаа а лууш. И дакъазалла яц, и ирс ду. Ма-луъу, ма-хетта махкана хьанала, халкъана пайдехьа дахарехь чекхвала хьекъал а, доьналла а тоьъначу адамна хьанала ирс. Вуьшта, шадоллу хетарг а хилла хьан диъна х1ара маьлхан дуьне?   
    Интертекст. Баркалле, комаьрша адам хилла Мохьмад-Салахь [2, 31]. Цунна и санехь дуй шен хеннахь хиъна: "Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов" [1, 17]. Шен б1аргашна гинарг, лергашна хезнарг, дагна 1аьткъинарг исбаьхьаллин кхетамах чекх а даьккхина, шена Дала делла похьма т1е а хьаьрсина, чоманна т1е чибар чам а тоьхна, халкъера мел дерг, халкъана доккха-деза б1аьрла совг1ат дина, юхадерзина цуо:
"Хьегарах барз хуьлуш хилча, вайшинчух – лам хир бара [1, 40]; Шеконе диллинарг шеллуш ду хьуна [1, 53];  К1ай дуьне дерриг а ваьшшиннан хет-та [1, 38]; Моз санна марзло и орцара г1ов [1, 21];  Деха садиттир вай х1ара де ца дезаш [3, 166]; Ша мал ца далийтчхьана, мел доккха вон ловш х1ума ю хьуна х1ара адаман дог" [ 1,201]  и. д1. кх. а.
    Башхаллин лакхенаш хьахийча, уггар хьалхалераниг: са дуткъа хила-рал совнаха, цу хенан халкъан кхетаман дукъ т1ера ла ма-торру догц1ена хилар. Нохчийн поэзехь тахна а и лакхе кхинверг кхачанза лакхе ю :
1овжавар.               
Вилхи со…               
Кхевссина,               
Эхь-бехк дицделла –               
                Моттазниг х1оттаро   
1овжавина [1,43].               
Сурт               
 Елха хьо, испанхойн нана,            
 Елха хьо,                Хийла сурт лайна шайн латта а т1адош.                Соъ воьлху,// Шун латто къона ц1ий ц1убдеш,                Шелвинчу хьан к1ентан, //Дег1ан сурт дайна [1, 36]
Кхузахь т1е ала дог1у. И халкъан цхьадолу "хьомсарш" лоьруш, т1ейог1ун йолчу ханна аьлла, Гадаевс б1аьргаш болчунна галла, хьекъал долчунна кхеттал,  шен тексташкахь къада а дина, дитнарш а ду.
    Гадаев Мохьмад-Салахьах лаьцна. Гадаев М.-С. даша т1ехь хаддаза бинчу балхах лаьцна, цуьнан шатайпаналлин, кхоллараллин, философин лехамийн мехалаллех, юкъараллина цуьнан хьуьнарша, доьналло дикачу аг1ора бинчу т1е1аткъаман лаккхара мах а хадош, тешшош яздина "Ц1ен-Берд" книгин дешахьалхенехь  Шайхиев 1алвадис, Рашидов Шаида [1, 3 – 10].  Иштта, изза теманаш, хьекъош т1еюьзна шайн эссешкахь Тутуев Ви-самис [6, 131 – 141],  Дадашев Райкома [2, 40 – 45]; 1илман-талламан бел-хашкахь Цуруев Шерипа [ 2, 16 – 27], Бурчаев Хьаьлима [2, 27 –  39] и. д1. кх. а.
    Кхоллараллин коьрта теманаш.  Даймохк, 1алам, безам. Харцонан, къизаллин иэрчо, церан дахарна дуьхьала хилар.
Завриев Ма1дуллас шен "В поисках художественного метода" книги т1ехь билгалдоккху: "Личностан проблемаш – дахаран, хенан, цхьаллин маь1на – огуш нохчийн поэзехь хилла Магомет Гадаев… Нохчийн поэзехь къоначу поэтийн т1аьхье тахний бен-м (ХХ-чу б1ешеран 90-г1а шераш – И. Л.) ца йолаелла Гадаевс шен кхоллараллехь х1иттийна а, аьгна  а и хаттарш  шена хьалха х1итто" [5, 66].
    Рацио – эмоцио.  Дог – кхетам,  синхаам – ойла, поэзи – бакъдерг и би-нарни оппозицеш, ца хила йиш йоцун оппозицеш ю муьлххачу а ис-баьхьаллин текстан хьаьрмахь. Гадаев М.-С. исбаьхьаллин (къасттина, по-эзин) тексташкахь и оппозицеш доза ца тохалуш ч1ог1а чучча ийна ю. Ма-сала:
Чурт санна, лаьтта со//Г1ум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка// б1арг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан//сурт х1оттало,
Малхбузе мел хьийжи//дог 1ийжадо.
Малх, буза бегийна,//рег1а лахбелча,
Суьйре а, даш санна,// сайна язъелча,
Ойлане дарц даьлла со араваьлча,
Даймахке вуссу со, я Аллах1-Дела! [3, 165].   

    Кхузахь, "лаьтта со Г1ум-Азин Арахь" документальни информаци ю. Амма "чурт санна лаьтта со" – беккъа-ц1ена синхаам бу. Текст йоьшучунна  онда т1е1аткъам беш болу синхаам.  Иштта лаьттарг я велла а, я дийна а воцуш, 1адийна "чурт санна" вог1авелла, меттах а ца волуш, лаьтташ нис-ло. Цу стихан контекст вайна дика евза: поэто буьйцург вай махках даьхначу хенан жеран хьалхара мур бу. Т1ех1оьттинчу бохамо халкъ 1адийна-тилийна-дахьийна мур. Хиллачун богг1у мах хадо, дог караэца, и бохам лан ницкъ каро, диканах дог ца диллал тоьшаллаш гулдалла хан юкъайоланза мур. Гадаев М.-С. кхечу исбаьхьаллин тексташкахь санна, кхузахь а атта дац информацин пласт мичахь чекхйолу я йолало, син-хаъман пласт мичахь йолало я чекхйолу аьлла, доза тоха.   
    Иштта, "Малх… рег1а лахбелча" – информацин пласт. "Ойлане дарц даьлла со араваьлча, Даймахке вуссу со, я Аллах1-Дела!" – синхаъман, да-редаран, сатийсаман пласт. Амма цу шина пластан доза хетаран хьесапехь бен-м билггала къасталур дац вайга. Иза а – стихан контекстан г1оьнца бен-м. Ткъа стихан турпалхо – автор – х1ора сарахь-буса Даймахке вуссу. Иза еккъа авторан фантази ю ала тахна хала ду. Х1унда аьлча, вайна т1аххьарчу шерашкахь гучудевлла, ц1еяхханчу 1илманчаша даре а деш, цхьадолчу адамийн башха хьуьнарш. Масала, телепортаци [4, 789].
    Амма и фантази бен-м ца хилча а, гучудолург х1ун ду? Дера ду – адаман маьршачу сица къовсадала кху дуьненахь, ша Делан боцург, кхин  ницкъ цахилар. Ша винчу махка ван Дажало шена кхин маьрша некъ ца битча, ав-тор г1енакхоьлах (я г1аннабаршлахь, я ши б1аьрг а хьаббой, ойланехь) кхочий а, ц1акхочуш хилла. И иштта мукъне а ц1а кхачалуш ца хилча, и кхин д1а лела а лур вацара я вахалур а  вацара. Авторан доггах берш х1етахь к1езиг ца хилла махках даьккхинчу халкъалахь. Дуьйцу хьал кхечу хьолехь хиллехьара вайн халкъ х1инца а Г1ум-Азин г1амаршлахь когаш а текхош лелаш хир дара. Цхьана хенахь, шен ц1арах ц1е лелийначу махке, геннара г1ийла кхоьлина б1аьрг а бетташ.
    Автор, лааман т1ома ийа а луш, х1оразза а Даймахке вуьссу. Шена суьйре "даш санна… язъелча", са б1арзлой. (Ц1ехх1ана А. Пушкинан "Кавказ подо мною. Один в вышине..." дешнаш дагатосу – И. Л.). Автор лаьтта вуьссу, оьшучу суртана меллаша гергаялочу кинокамеран хьесапехь. Цуьнан лаьттавоссар а шен маь1на долуш ду. Уггара хьалха ша "Бераллехь хьийзинчу даккъашка вуссий", цул т1аьхьа гуобаьккхина д1асахьежа х1утту и.
    Стихан хронотопехь [7, 234 – 407] а хаало бинарни оппозици: авторо лаамза битна хилла Даймохккий,  махка юхавоьссича цунна гуш долу сур-ттий иэн, цхьанадан ца туьгу. Даймохк тохарлераниг бац: шерашкахь цуьнан б1аьрг боьлларг бац и:
Тезетахь техкаш го// вайн бошмаш, хьаннаш,
Г1айг1анех юьзна го// тог1енаш, 1аннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь,// упханийн аннаш,
Хьулдан да воцуш го,// Я Аллах1-Дела! [3, 165 – 166].

    Стихан авторо информацин да а ша ву, боху, гуш дерг 1еткъашверг а ша ву, боху: "лаьтта со, …вуссу со,…хьоьжу со, … т1акха со". Стихан автор а, турпалхо а цхьана ц1арца. Стихан текстехь цкъа бен-м ца нисло "вайн" бо-ху дукхаллин терахьехь ц1ерметдош "вайн бошмаш, хьаннаш". Поэтан и "со" орцадаха ца 1еминчу стеган амалера ду аьлла хетало.  Т1ех1оьттинарг ла 1емийначу, 1амийначу адаман амал хаало цуьнан "со" бахарца. Жатташ-кахь ца леллачу (ца лелачу) аьрзунан  амал. Гадаевна "даймохк" боху дош а беккъа "даймохк" а хилла ца 1а. И цуьнан дахаран концепци (концепт) ю: са а, пха а, вижар-г1аттар, доь1у са – и цуьнан шадерг ду.   
    Шена гина и ирча хьал авторо вайна довзуьйту вуон, 1овжаме семантика йолчу дешнашца, метафоршца, дустаршца: бошмаш, хьаннаш "тезетахь техкаш", "шовданаш… дай боцуш мийла", "чурт санна", "каш санна ший-ла", "сов ирча" и. д1. кх. а.
     Стихан жанр билгалъяккхар а аттачарех дац. Кхузахь нохчийн лирикин кхаа жанран уьхьигаш хаало: до1ан, леткъаман, назман.
    До1ан билгало: ворх1 строфанах пхеа строфан чаккхенехь Деле кхайкхар – "я Аллах1-Дела!" – вайн маттахь д1ах1оьттина, ч1аг1делла даьллачу дез-чу дешнийн цхьанакхетар хилар. До1анехь Деле дехар хуьлу. Стихан тек-стехь  и дехар подтекстехь лач бен-м ца хаало. Ма-дарра аьлча-м, я Аллах-Дела! бохург а Деле кхайкхар санна, Деле дехар а ду.
    Леткъаман – къа-бала балхор, долу хьал ма-дарра довзийтар. Эккха гер-гадахна дог дастархьама. Амма хиламна х1ара ву аьлла ц1арца бехкевеш стаг а (я тоба, я акха ницкъ) вац.
    Т1аьххьара а – назман поэтикан билгалонаш а ю кхузахь.
    Вуьшта, цхьа а жанр вай ца хьехийча а – авторо ша ма-аллара – и стих "кийрара мохь-ц1ог1а" ду. Кхин д1а тоха са а ца хилла, бохамо 1адийначу, тилийначу адаман мохь-ц1ог1а. "Даймахке сатийсар" стихах шеко йоццуш йоьзна ю Гадаевн кхоллараллехь уггар тоьлла стих "Ц1ен-Берд". 
    Тема цхьаъ ю аллал, хьалхарчу стихан лорах (я цхьана хоршахь) кхолла-елла стих ю "Ц1ен-Берд".  И ши а стих къомо цкъа хазарца, цкъа ешарца къобал а йина т1еэцна ю. Тема цхьаъ хетахь а, башхаллаш а ю цушинна юккъехь. "Ц1ен-Бердан" автор-турпалхо – хаъал сапарг1ат ву кхузахь. Х1ора мог1а аьлча санна, кицан хот1е бирзина. Хьежамаш – суфийн фило-софин лакхарчу т1еган т1ера хьежамаш бу [8]: "Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой" [1, 17].  Стихан хьуца а хаало юха а, т1аккха а автор шен даймахке кхача маьрша цахилар. Амма и тешна ву, ша ца кхачахь а, ша ве-сет дийриш даймахке, Ц1ен-Берде кхочург хиларх: "Г1еллой 1аш хетало безна и мохк… Даим со хьегначу Ц1ен-Берде г1ой, цуьнга б1аьрг тохалаш" [1, 17]. Кху стихан х1ора дешан т1амарх ийна хаалуш берг, цхьана а лите-ратуроведага "хьажал хьо, билггала х1орш ду хьуна цуо кхийдочу синха-амна теш х1уьтту дешнаш " аллал цкъа а хьекъале литталур боцу Гадаев Мохьмад-Салахьан шен махке, халкъе болу безам а, лерам а бу. Амма ав-торо уггар хьалха баккхинарг – Делаца, цуо шена беллачу кхолламца болу лерам бу.
    Цхьана статьяхь – кхин т1етоха а д1адаккха а х1ума ца хиллал – кхача-лур йолуш тема яц кху статьян тема. Гадаев Мохьмад-Салахьан исбаьхьал-лин дуьне вай х1инц-х1инцций бен талла а, ахка а дуьйлалуш дац. Цу декъехь тахненан т1ег1ан т1ехь бан безаш дукха 1илман-талламан болх бу. Оцу новкъахь вайна яккхий хазнаш карор ю. Цу хьоло аьттуо бийр бу 1илманчашна Гадаев Мохьмад-Салахьан феномен кхачам боллуш талла а, нохчийн культурехь цуьнан хьакъболлу мах хадо а. 

Литература
1. Мухьмад-Селахь Гадаев. Ц1ен-Берд. – Соьлжа-г1ала, 2005.
2. Бурчаев Хьаьлим. Даймехкан илланча// Орга, 2009 (11).
3. Нохчийн поэзин антологи / Антология чеченской поэзии. – М.: НО БКФ "Солнце", 2003.
4. Новейший словарь иностранных слов и выражений. – М.: ООО "Издательство АСТ", 2002.
5. Завриев М. А.-А. В поисках художественного метода. – Грозный, 1988.
6. Тутуев Висами. Ц1ечу-Бердан мукъам. Эссе// Орга, 1992 (2). 
7. Бахтин М. М. Вопросы литературы и эстетики. – М.: Худож. лит., 1975.
8. Суфии: Восхождение к истине. – М.: Эксмо, 2009.