Дени Сумбулатов. Бодашкахь

Саид-Хасан Кацаев
ХIокху деношкахь зорбанера араяьлла С.-Хь.Кацаевн «Бодашкахь» цIе йолу керла книга. Иза яздархочун йоьалгIа книга ю. Цул хьалха араяьлла Сайд-Хьасанан «Iаьнан суьйре» (1997 шо), «Яздархочун школа» (1998), «Молла-Эсартах лаьцна дийцарш» (2004) а дешархоша дика тIеийцира, церан чулацам, йозанан хатI  а шайна тайна дела.
Сайд-Хьасанан произведенеш дуьххьара зорбанехь гучуевлира ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь. Школехь, цул тIаьхьа Соьлжа-гIаларчу университетехь а ша доьшуш волуш, хинволчу яздархочо кхоллараллин зIенаш латтайора газеташца, журналашца. Цуьнан дуьххьарлера дийцарш, очеркаш, статьяш зорбане йийлира «Даймохк», «Васт», «Зама» газетийн, «Орга», «Вайнах», «Лам» журналийн а, гуларийн а агIонаш тIехь.
ТIаьххьарчу шерашкахь язйинчу произведенийн чулацамехь гуш ду вайн махкара хьал, йина чевнаш, хилла бохамаш а цунна хийра цахилар, цо уьш шен йолуш санна тIеэцар. Къеггина цунна тоьшалла ду «Яздархо а, тIом а» цIе йолу эссе, халкъан яздархочо А. Айдамировс, философин доктора В. Акаевс, могIарерчу дешархоша а лаккхара мах хадийна йолу.
Вай лакхахь ма-аллара, С.-Хь. Кацаевн шен йозанан хатI ду. Иза дика я вон хилар дешархочо ша къастор делахь а, сайгара ала лаьара суна: «Бодашкахь» цIе йолчу книгина юкъадахана «Теш», «Машар», «Хьехархо», «Бодашкахь» - дийцарш, эссеш а авторан граждански позици, похIма а хиларна тоьшалла деш ю.
Со тешна ву: «Бодашкахь» («Во тьме») цIе йолу С.-Хь. Кацаевн керла книга дешархоша дика тIеоьцур хиларх.