Нохчийн маттах къилба динарш

Айза Барзанукаева
Нохчийн маттах къилба динарш

Суна хетарехь, Аргун-г1алара №13 йолчу гимназехь доьшуш болчу дешархойн боккха аьтто хилла царна ненан мотт а, литература а хьоьхуш берш цигара  Ахмадова Дашани Саидцелимовна, Хасиева Зулай Абдурзаковна, Домбаева Заза Султановна хиларна. Дика хьехархой-м шортта хир бу кхечу школашкахь а. Амма х1ара кхоъ цхьаьна куьйган пхи п1елг санна, вовшашца уьйр йолуш, вовшех дагайолуш, бертахь болх беш ю. Хьехархочун болх сийлахь а хеташ, болх барал сов, цара шайн дахаран къилба дина д1ах1оттийна дешархошна нохчийн мотт а, литература а хила дезачу т1ег1ан т1ехь хьехар. Ненан мотт берашна безийта, бовзийта, ларбайта, кхиабайта – иштта 1алашо ю цара шайна хьалха х1оттийнарг. Цунах тешар ву оцу хьехархойн «Портфолио» теллича. Балха т1ехь зеделларг  гойтуш ду оцу гулар юккъехь долу кехаташ, суьрташ. Берашца мел беш болу болх – урокехь а, урокал арахьа а – нохчийн маттана т1ебоьг1на бу. Деган са, син кхача бу царна шайн ненан мотт. Цхьацца белхийн ц1ерш ешча а гуш ду, мел хьоме ду царна цу маттаца доьзна мел дерг. Масала, «Х1орд санна, бу хьуна шортта…», «Ненан мотт, хьо баха бисалахь»,  «Бекалахь, ненан мотт!», «Ненан мотт – сан дозалла» и д1. кх. Ларамаза дац, аьлла, хета цундела вайн махкахь г1арабевллачу дешан говзанчашца кху гимназехь хьехархоша  мел д1адехьна    вовшахкхетарш,  йина семинарш, йиллина урокаш.  Бераш кхетош-кхиорехь шаьш беш болчу балха т1ехь цу кхааммо а шайна хьалха х1оттийна 1алашоне хьаьжча а хуур ду, мел ч1ог1а тидаме оьцу цара шаьш хьоьхучу предметан башхаллаш. Масала, Ахмадова Дашанин методикин тема ю «Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь дешархой г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор». Ткъа Хасиева Зулайс а, Домбаева Зазас а  тидаме эцна нохчийн меттан г1оьнца  берашца патриоталлин а, этикин а болх д1абахьар. Со цу хьехархойх йоккхайе: вайна ма-хаъара, туьканашкахь ненан меттан хьехархошна эца бац шайн белхан г1оьналлина г1ирсаш, х1етте а цара мало ца еш шайн куьйгашца кечбо и г1ирс. Нохчийн мотт  хьехархошка дика хьехийта деш долу  г1о к1езиг ду. Хийца деза аьлла дийца даьккхина нохчийн алфавитан и масех элп 1адда а дитина, 1едалдайша мел болу ницкъ т1ебахийта безара хьехархойн хьашташна. Деган лазамца дуьйцура цу кхааммо соьга шайн балхаца йоьзна йолу халонех лаьцна. Ткъа суна  гуш дара сайна хьалха охьадехкина  церан белхан тептарш а, совг1аташ а (уьш шайн балхана кхоччуш реза бацахь а). Цу тептарша а, грамоташа а гойтура кхеран белхан хадийна мах.  Дийца лаьа х1ораннех а лаьцна.

Ахмадова Дашани Саидцелимовна. Школе деша яхана 1958-чу шарахь. Чекхъяьккхина Аргунера №1 йолу школа 1969-чу шарахь. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетехь дешна 1972 шарахь дуьйна 1978 шо кхаччалц. Дешарца цхьаьна 1975-чу шарахь  кхиамца болх а болийна  ша чекхяьккхинчу №1 йолчу школехь. Ткъа 1983 шарахь дуьйна болх беш ю гимназин  статус еллачу №4 йолчу школехь. Цунна елла сийлахь  «Учитель-методист» а, белхан говзаллин мах хадош, «Учитель высшей квалификационной категории», аьлла а ц1ерш.
Россин Федерацин дешаран министра Фурсенко Александра куьг яздина, 2006-чу шарахь Дашанина 100 эзар соьмаца совг1ат дина Россехь уггар дикаха болу хьехархошна юккъехь тоьлларг, аьлла, билгал а доккхуш.
2007-чу шарахь вайн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Дашани Саидцелимовнина елла Сийлаллин грамота.
2008-чу шарахь Аргун-г1алин куьйгалхочо Темирбаев Ибрах1има Сийлаллин  грамотица билгалбаьккхира Ахмадова Дашанис дешархой кхетош-кхиорехь беш болу болх.
Нохчийн Республикан говзалла лакхаяккхаран институтехь курсашка баьхкина болу хьехархошна шен балха т1ехь зеделларг довзуьйтуш, лекцеш йоьшуш дакъа лацарна Ахмадова Дашанина Сийлаллин грамота елла цу институтан ректора Эльмурзаева Гангас. Доцца аьлча, кхин дуккха а ю Дашанин грамоташ - хьалха министран болх бина волчу Дадаев Лоьмас а, Ибрагимов Мовсара а, профсоюзан хьаькамо Герзелиев Хизира а елла. Со цаьрга хьоьжучу хенахь, «уьш-м дукха даккхийчех х1ума дацара»,  бохуш санна,  1ара Дашани. Ткъа суна уьш билгалъ яха лаьа, х1унда аьлча, ненан мотт кхиорехь, дешархой цу меттан г1оьнца г1иллакх-оьздангаллица кхетош- кхиорехь ткъе пхийтта шарахь къахьоьгуш иза схьайог1уш йолудела. Цул сов, Дашани Саидцелимовнас х1оттийна 9-10 классашкахь халкъан барта кхолларалла классал арахьара еша 1аморан башхаллин тематикин план. Дагна ч1ог1а там хилла т1еэцна Дашанис г1арваьллачу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс аьлла долу дешнаш: «Лаьий хьуна 1илманца дешархо кхетош-кхио, деза айхьа хьоьхуш долу 1илма, довза иза, дешархошна везар ву хьо а, дезар ду 1илма а, т1аккха хьоьга уьш кхетош-кхиа а лур бу; амма хьуна хьайна а ца деза-кх хьоьхуш долу 1илма, хьо мел хьеха г1ертарх а «1илмано кхетам лур бац дешархошна». Оцу дешнаша ма-бохху хьехархо хила лаьа цунна, ша мел деш дерг цу дешнашца дустуш схьайог1у иза.
Цо дукха елла йиллина урокаш. Йовзуьйтур вай цу урокийн теманаш: «Сулейманов Ахьмадан лирикехь  къонахаллин, оьздангаллин тема», «Дека хьан пондаран аз», «Вай динчу» Даймахкахь къематде х1уттуш, х1ай, Латта, ца оьккхуш хьо муха дисна?», «Дениев 1алвин дахар а, кхолларалла а». Нохчийн Республикан говзалла лакхаяккхаран институтан куьйгалхочо т1едилларца Дашанис кечйира «Нохчийн г1иллакх» аьлла (хьаша-да т1еэцарх лаьцна) йиллина урок. Шен Даймахках лаьцна дуккха а х1ума хаа луучунна шортта материал ю Ахмадова Дашанис вовшахтоьхна шен-шен папканаш чохь. «Искусствон турпалхой», аьлла, папки юккъехь йолчу материалаша  бовзуьйту доккха пох1ма долу нохчий: Димаев 1умар, Айдамирова Марьям, Эдилсултанов Шит1а, Сардалова Зулай, Идаев Юсуп, Мусаев Мансур, Музакаев Дикалу, Давлетмирзаев 1абдул-Мут1алип, Омаев Дагун, Дудаев Муса, Ганаев Олхазар, Зубайраев Яраг1и, суртдиллархой – Дадаев Х., Асуханов А., Заураев В., Эльмурзаев С-Э, Шамурзаев Ш., яздархой – Халидов У.-Хь., Гацаев С., У. Юсупов и д1.кх. Кхин мел ю и папканаш: «Сан халкъан дозалла», «Дала ийманехь нисдойла вай!», «Со-м хьан варий, Нохчийчоь, хьо-м сан ярий, Нохчийчоь!», «Нохчийн фольклор», кхиерш.
Дийца шортта ду нохчийн маттах дахаран къилба динчарех йолчу Ахмадова Дашаних лаьцна. Лахахь аса хьахор ду № 13 йолчу гимназера бераш муьлхачу экскурсешка дуьгу Дашанис а, цуьнан белхан накъосташа а. И болх цара вовшийн рог1ехь беш бу, цундела т1аьхьо (къаьстина) дуьйцур ду цунах лаьцна.

Хасиева Зулай Абдурзаковна. Иза схьаяьлла юрт Урус-Мартанан к1оштара Олхазар-к1отар ю. Вайн халкъана вуьззина къонаха Сулейманов Ахьмад  велла цу юьрто. Цундела ду аьлла хета цигара Зулай хилар а: шен дахаран къилба дина цо нохчийн маттах а, литературех а, Дешна Хьалха Мартант1ехь ц1арна а ц1е яхана, г1араяьлла дикачу № 16 йолчу интернатехь. Т1ехдика и чекхяьккхинчул т1аьхьа 1978-1983-чу шерашкахь дешна Нохч-Г1алг1айн университетан филологин факультетан къоман отделенехь. Цхьана муьрехь болх бина Гуьмсан районехь Герзель-юьртахь. 1985-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш ю Аргунехь № 13 йолчу гимназехь. Белхан стаж 28 шо. «Учитель высшей квалификационной категории» а ю иза. Т1еман т1аьхье луьстучу луьрачу заманахь хилла волу дешаран министро Дадаев Лоьмас елла Сийлаллин грамота ю Зулайн: «Нохчийн меттан Денна лерина дикаешархойн къийсадаларш д1адахьарехь жигара дакъа лацарна а, нохчийн мотт хьоьхуш бераш кхетош-кхиорехь дика болх барна а совг1ат до Аргунера № 4 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан хьехархочунна Хасиева Зулайна» аьлла ду цу т1ехь. Иштта 2009-чу шарахь а  до Зулайна министерствос совг1ат. Дешаран керла министро Музаев Анзора а елла кхунна Сийлаллин грамота хьехархойн дезчу Денца доьзна. Зулай Абдурзаковнин ю Аргун-г1алин дас Темирбаев Ибрах1има а, депутатийн  г1алин Советан председатела Башаев Разамбека а, гимназин директора Диканиева Шурана а елла Сийлаллин грамоташ. Ткъа Зулайс куьйгалла деш йолу 11-г1а классера а, цо хьоьхуш долу кхечу классашкара бераша а  цхьацца къийсамашкахь (вайн г1алахь а, республикан т1ег1ант1ехь а) яьхна грамоташ инзаре дукха ю. Оцу х1ора грамато шена деший деача санна, ч1ог1а йоккхайеш дуьйцу Зулайс. Дукха хенахь дуьйна ю школехь, Зулайс куьйгалла а деш, цхьацца спектаклаш х1иттош Къоначу хьажархочун театр (ТЮЗ-театр юного зрителя). Школан артисташа х1иттайо тайп-тайпанчу произведенешна т1ехь миниатюраш. Хамидов 1абдул-Хьамидан «Бож-1ела», «Абубешар», «Мохсолтин доьхна де», Ахмадов Мусан «Хийистехь», «Харжамхошца цхьанакхетар», Сулейманов Ахьмадан «Ненан б1аьрхиш» и д1.кх.а.
2007-чу шарахь Зулай Абдурзаковнин театрана Сийлаллин грамота елла «За участие в конкурсе сценического искусства», аьлла. Зулайн «Портфолио» теллича, гуш ду оцу хьехархочо шен балха т1ехь х1ун коьрта 1алашо х1оттийна. Тидам т1ебохуьйтуш ду х1ара дешнаш:  «Г1иллакх-иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду». Цундела кхеташ ду х1окхо берашца кечйина д1аехьна йолу мероприятеш: «Нохчийн къонах мила ву?, «Г1иллакх-оьздангалла – со цунах муха кхета», «Кхерчан йовхо - Нана», «Иллешкахь буьйцу нохчийн зударий – турпалхой»,  «Диканиг кхуллуш берш».
Цхьа х1ума билгалдаккха дог1у: ненан меттан Де даздеш х1ора шарахь вайн г1алин школийн дешархошна юкъахь д1ахьош долчу къийсадаларшкахь Хасиева Зулайн дешархоша толаман меттигаш йоху: 2009-г1а шо – Мадаева Марем (7г кл.), 2010г1а шо – Хаджиев Руслан (10б кл),  2011-г1а шо Магомадова Фарида (9г кл). Ала дог1у: Магомадова Фарида республикера 19 ахфиналисташна юккъехь финале яьлла. Билгалваьккхина 7 дешархо ву.  Цара шайн хьуьнарш, хаарш къовсур ду 25-чу апрелехь Соьлжа-г1алахь д1ахьондолчу финалан къийсадаларшкахь.
Зулайх лаьцна долу дийцар дерзош цхьа х1ума билгалдаккха лаьа: шен дешархойн  кхиамех а, балхах а лаьцна цо дуьйцуш, моьттур ду, хьехархочунна х1ора дийнахь деши-детий, жовх1арш я кхийолу хазнаш карайог1у. Оццул безаш, доггах беш бу цо шен болх, ша боккъалла ирсе а хеташ.

Домбаева Заза Султановна. Дешна  Шелара № 4 йолчу юккъерачу школехь 1968-1978-чу шерашкахь. Шеларчу № 3 йолчу берийн бешахь болх бина 1979-1989-чу шерашкахь. Балхахь а йолуш, чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин  факультетан къоман отделени 1983-1989-чу шерашкахь. 1989 шарахь дуьйна белхан меттиг хилла  Шелара № 9 йолу школа. Ткъа 2000-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш ю Аргунера № 13 йолчу гимназехь. Кхозлаг1а шо ду Зазина «Учитель высшей квалификационной категории», аьлла, ц1е елла. Нохчийн меттан а, литературин а методикан цхьаьнакхетараллин куьйгалхо ю иза,  х1инццалц цу даржехь хилла йолу Дашанин меттана. Куьйгалхочунна т1едехкинчу декхаршца иза дика ларош схьайог1у, оьшучу хенахь шен белхан накъостах Дашаних дага а йолуш.
2008-чу шеран 10-чу июнехь арадаьллачу дешаран министран Музаев Анзоран омарца Домбаева Заза Султановнина дина доккха совг1ат: Нохчийн Республикехь уггар  дикаха болу хьехархошна юккъехь тоьлларг, аьлла, республикан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан совг1ат -  50 эзар сом даларца.
Домбаева Зазас х1оттийна 7-9-чу классашкахь халкъан барта кхолларалла классал арахьара ешар 1аморан башхаллин тематикин план. Хьалха министр хилла волчу Дадаев Лоьмас елла масех Сийлаллин грамота ю Зазин. Аргун-г1алин дас Темирбаев Ибрах1има, депутатийн Советан куьйгалхочо Башаев Разамбека, «Идущие вместе» организацин куьйгалхочо Петухов Олега, гимназин директора Диканиева Шуран Умаровнас елла -  шортта ю грамоташ, хьехархочо беш болчу белхан лаккхара мах хадош елла йолу. Заза Султановна ша бечу балхах доглозуш, ма-хуьллу хьанал къахьега г1ерташ схьайог1уш ю. Цо йинчу мероприятийн ц1ерш яьхча а хуур ду, иза иштта дуйла: «Иэшамийн, баланийн  13 шо», «Дикачу г1иллакхо лех эла вина», «Ма мерза стом бу хьо, Нана!» «Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам», «Г1араваьллачу иллиалархочун Дагаев Валидан кхолларалла», дешархойн сочиненийн къийсадаларш «Ненан мотт – дахаран хазна», дикаешархойн къийсадаларш «Сан мохк а, сан мотт а», иштта кхин а.
Шен дахаран а, белхан а 1алашонна т1едоьг1на ду, аьлла, хета Зазас «Портфолио» т1ехь билгалдаьккхина дешнаш: «Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохор яц, нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха».

Ибрагимова Заира Тагировна. Дешна Шела к1оштан Гермчигара юккъерачу школехь. 1990-чу шарахь, итт класс яьккхина йоллушехь, деша яхана Аргунера СПТУ-29. Т1ехдика хааршца чекхъяьккхина иза «бухучет» говзаллица. 1991-чу шарахь Нальчикера технологически институте заочно деша яхана. Оццу шарахь № 4 йолчу юккъерачу школе библиотекаран болх бан х1оьттина. Чекхдоккхуш ю кхин цхьаъ а лаккхара дешар: иза ю НПУ-н историн факультетехь доьшуш. Гимназехь, библиотекаран болх барал сов, историн а, ОБЖ-н а урокаш луш ю.
Газетадешархоша хаттар дала там бу – стенна т1едоьг1на дуьйцу Заирех лаьцна нохчийн меттан хьехархой буьйцучу меттехь? Заира йийцар  ларамаза дац. Гимназехь мел еш йолу мероприятешкахь нохчийн маттахь дан деза къамел деш йолу конферансье Заира хуьлу. Цуьнца къамеле яьлча суна хиира цунна вайн къоман литература шен са санна, езийла. Ткъа цуьнан даго хаьржина къаьсттина дукха езаш ю Дикаев Мохьмадан поэзи. Цуьнан стихаш Заира Тагировнас инзаре дукха йоьшу дагахь.
Шех лаьцна аса яздийр дуйла хиъча, Ибрагимовас дийхира соьга ма язде, аьлла. Ненан меттан хьехархойн мог1аре а йиллина,  шех лаьцна х1ун эр ду, аьлла. Делахь а, суна лаьа цунах лаьцна дийца. Ша ненан мотт хьоьхуш яцахь а, Заирас к1езиг къа ца хьоьгу нохчийн меттан сий айба, иза дешархошна безийта, цаьрга иза ларийта г1ерташ. Цо гимназехь д1аехьира Дикаев Мохьмадан кхоллараллин дагалецамийн суьйре. Хьошалг1а кхайкхинера поэтан вешин к1ант – Сайд-Мохьмад а, йишин йо1 Ахмадова Хьава а. Иштта цо кечйира Мамакаев 1арбин дахаран а, кхоллараллин а дагалецамийн вовшахкхетар. 1арбин к1ант поэт Эдуард а, журналист Аболханов Хьаьким а, поэташ Цуруев Шарип а, Дакаев Са1идбек а ч1ог1а баркалла аьлла бахара хьошалг1а баьхкинчара. «Халкъан йо1» (Ахматова Раисех лаьцна), «Мехкан сийлахь йо1» (республикан конкурс)  аьлла йолу мероприятеш а д1аехьира Заирас. «Маца дуьйна ю хьо, Заира, ненан меттан литературица оццул ч1ог1а доттаг1алла тесна», - аьлла аса шега хаьттича цо соьга элира: «Вайн къомана шина т1амо гайтина вонаш ду моьтту суна бахьана. Мел гинарг, лайнарг сан дагах чекхдаьлла, аьлла, хета суна».
Тахана Ибрагимов Заирин «Портфолио» юккъехь йолчу совг1атана еллачу грамоташна юккъехь ерш шаерриге  а х1окхо библиотекаран болхбарна елла ю. Г1алин дас Темирбаев Ибрах1има, депутатийн Советан куьйгалхочо Башаев Разамбека, дешаран Департаментан куьйгалхочо Салатаева Разета, гимназин директора Диканиева Шурана елла ю уьш. Теша лаьа, т1ейог1учу заманахь Ибрагимова Заирина лур долу совг1аташ иза ненан меттан хьехархо а хилла лург хиларх. Х1окху еа а хьехархочух лаьцна долу дийцар дерзош йовзийта лаьа х1акхара дешархой бигина меттигаш, музейш. Цкъа бигина ца 1аш, х1ора шарахь, массо а классаш. Уьш хилла Айдамиров Абузар, 1арби Мамакаевн, Россин суртдиллархой Союзан декъашхо, режиссер Татаев Илесан кхерчашкахь, Соьлжа-г1ала йохаяле шина а музейшкахь, х1инца кхоьллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу музейни комплексехь, тайп-тайпанчу выставкашкахь, презентацешкахь. Урокан гура чохь ца 1аш, № 13 йолчу гимназин ненан меттан а, литературин а хьехархой шайн ма-хуьллу дешархошца беш болу болх кхачам боллуш дика, бераш кхетар долчу кепара бан г1ерта. Ч1ог1а лаьа дешархой а, церан дай-наной а цунах кхетийла. Ирс дац оцу тайпана хьехархой берашна хьоьхуш хилча?!

Вай лакхахь бийцинчу хьехархойн сурт кхоччуш х1оттийна хир дац, кхин а шиннах лаьцна ца аьлча. Тахана белхан меттиг кхин ю церан, амма № 13 йолчу гимназин х1етахьлера директорца – Диканиев Саймица – х1окху дешаран кхерчан бух биллинчарех ю и шиъ – Абдулкадырова Раиса Алхазуровна а, Дадагова Малкан Хароновна а (ший а «Учитель высшей квалификационной категории») сийлахь ц1е йолуш ю. Ахмадова Дашаний, х1ара шиъий -  х1орш кхоъ, олуш ма-хиллара, хьалхалера «шира гвардех» ю. Уьш школехь болх бан д1абуьйлалучу хенахь нохчийн къомах болу хьехархой вуно к1езиг бара Аргунера школашкахь. Цуьнга хьаьжжина нохчийн мотт хьехаран хьал  кхин хуьлийла доцуш ледара дара. Х1етахьлера 1едалдайша и предмет сийсаз ярал сов цхьаболу дай-наной а хуьлура шайн бераш ненан меттан урокех тайп-тайпанчу бахьнашца парг1ат дита г1ерташ. Говра ворданан пхоьалг1а чкъург санна я хасп дечо жижигана т1екхуссуш йолу вортанан даь1ахк санна хетара дукхахболчарна нохчийн мотт.  Цул доьхнарг дара дешаран системехь къахьоьгучеран (цхьа к1еззиг дакъа ца лерича) ненан меттан хьехархошка болу сий-ларам мелла а лахара хилар. Доцца аьлча, б1аьргара дитт санна хеташ, пусар доцуш бара юкъараллехь а, школашкахь а ненан мотт. 

Оцу  хьелашкахь 1970-чу шарахь Аргунера № 1 йолчу юккъерачу школехь юьхьанцарчу классашкахь д1аболийра шен болх Абдулкадырова Раисас.
Ала дашна, балха х1оьттина 1 бутт кхочуш кхуьнга ялийтира йиллина урок. Массо а шех озалуш волу «буьрса» школан директор Федор Митрофанович Юдин веара цуьнан уроке. Суьртан т1айх ялар санна доккха зиэр дара иза къоначу хьехархочунна. Мел сагатдинехь а, кхийринехь а,  Раиса кхиамца чекхъелира оцу зиэрах: директора лаккхара мах хадийра къоначу хьехархочун урокан а, белхан а. Иштта бен хуьлийла а дацара: нохчийн къоман бакъйолчу интеллигенцин орамт1ера схьаялар долуш ю Раиса: Раисин дешича Юсупов 1алис махкахь вевзаш, лаккхара дешар дешна, к1орггера хаарш долуш говзанча вара. Цуьнан да Олхазар т1еман ветеран, шен б1аьхаллин хьуьнар дуккха орденашца а, мидалшца а билгалдаьккхина вара, нана Зарти (гергарчара Зина олура цунах) нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев Са1идан шича яра (девешин йо1). Гергарчарна йо1а лоьран говзалла караерзо лаьара. Ткъа Раисин даго къобал бинарг хьехархочун болх бара. Бераллехь шен накъостий тайнигех ловзуш, Раиса церан «хьехархо» хуьлура. Цундела  1967-чу шарахь школа яьккхинчул т1аьхьа цо кхаа шарахь дийшира хьехархойн училищехь. Цул т1аьхьа 1970-чу шарахь дуьйна цо Аргунера № 1 йолчу юккъерачу школехь болх а беш кхиамца чекхъяьккхира Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени. 1983-чу шарахь дуьйна 2001-г1а шо кхаччалц цо болх бира № 4 йолчу школехь. 1974-чу шарахь № 1 йолчу школехь директор болх бан ваийтира Диканиев  Сайма. «Сан ч1ог1а аьтто  хилира цуьнца болх бан нисъялар бахьнехь, - дагалоьцу Раисас. – Саймас г1о а деш, нохчийн меттан статус хьалаайба йиш хилира. 1976-чу шарахь цо со лаккхарчу классашкахь хьеха х1оттийра. Нохчийн  меттан кабинет а кечъйира аса. Цхьана а меттехь эца доцу нохчийн яздархойн суьрташ даьттанан басаршца суртдиллархошка дайтира. Къоман бустамаш (орнамент), б1аьвнаш, духаран суьрташ – иштта кабинет хилла яцара х1инццалц Аргунехь. Ткъа ишттачу кабинетана керла мебель оьцу, аьлла, Саймас иза а ийцира».
Раиса Алхазуровнин классашкахь доьшуш нохчий хилла ца 1ара – Аргун интернациональни г1ала яра советан заманахь. Муьлххачу къомах делахь а, Раисас шен урокера д1а ца дохуьйтура бер: массара а 1амабора нохчийн мотт. 1981-чу шарахь 6-чу классера дешархочо корейцо Ким Эдика шолг1а меттиг яьккхира Нохч-Г1алг1айн республикански исбаьхьаллин кхолламалле хьажарехь. Рашидов Шаидан «Даймахке» стихотворени дика ешарна. Ша № 1, № 4 йолчу школашкахь болх бечу шерашкахь Раисас кхайкхина дешархой болчу баьхкина хьошалг1ахь хилла дуккха яздархой а, меттан говзанчаш а: Джамалханов Зайнди, Ахматова Раиса, Плиев Мохьмад-Са1ид, Арсанукаев  Шайхи, Хатуев 1абдулхьамид, Шайхиев 1алавди, Николаенко Ия, Айдамирова Марьям.
1979-чу шарахь дуьйна хьехархойн корматалла лакхайоккхучу институтехь штатехь йоцу лекторан болх бина Раисас. 1997-чу шарахь дуьйна 2002-г1а шо кхаччалц – штатехь йолуш болх бина. 2002-чу шарахь дуьйна Абдулкадырова Раиса къахьоьгуш ю республикан дешар кхиоран институтехь. 2000-чу шарахь дуьйна цо нохчийн мотт хьоьху Нохчийн Республикан мехкдаьттан институтехь. Цул сов, 6-7 шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь а бина цо ненан меттан хьехархочун болх.
Абдулкадырова Раиса къинхьегаман ветеран ю. Цунна 1981-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн республикехь дуьххьара 14 хьехархо билгалвоккхуш «Старший учитель», аьлла, сийлахь ц1е тиллина. Уггаре деза совг1ат хета цунна шена оццу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца елла йолу «За трудовое отличие» мидал.
Пох1ма долу хьехархо хилла ца 1аш, Абдулкадырова Раиса вайн махкахь евза башха 1илманча а, методист а санна. Нохчийн Республикан мехкдаьттан институтан 1-чу курсан студенташна лерина арахецна цо нохчийн мотт 1аморан методикан магадарш (методические рекомендации). Ши шо хьалха Абдулкадырова а, Гуьржийчуьра Тбилисски пачхьалкхан университетан йилманчас Ростом Пареулидзе а болх бина бевлла «Чеченско-грузинско-русский разговорник» арахоьцуш. Х1инца Раиса Алхазуровнас кечъеш ю «Чеченско-русско-английский картинный словарь». Цу дошамах пайдаэца аьтто хир бу кегий берашца а, юьхьаьнцара классашкахь а болх бечу хьехархойн а, дай-нанойн а.
Раисех лаьцна долу дийцар дерзош билгалдаккха  лаьа: тахана ненан меттан сий-пусар дар хьакъдоллучу т1ег1ан т1ехь ду. Раиса санна, шайн къам, мотт, культура, г1иллакх-оьздангалла массо а х1уманал деза хеташ схьабаьхкинчу, х1етахь к1еззиг бен ца хиллачу хьехархойн хьаналчу къинхьегаман башха т1аьхье ю иза.

Дадагова Малкан Хароновнас 1968-чу шарахь чекхъяьккхина Шела к1оштан Мескер-эвлара юккъера школа. 1973-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени чекх а яьккхина болх бан йолаелла Аргунера № 1 йолчу юккъерчу школехь. Кхо шо чекхдаьлча Малканах тешадо ерриге юьхьанцара классашкахь нохчийн мотт хьехар, ткъа Раисас хьоьху лакхарчу классашкахь.
«Зама хала яра, – боху Дадагова Малкана. Бусулба динца болу 1едалан къийсам марсабаьлла хан яра иза. Атеисташа коьрталла до хан яра.  Дай – нанойн  кхетам лахара бара, царах цхьаболчарна дозалла хетара шайн берашна нохчийн маттахь еша ца хиъча; царна ца лаьара ненан мотт шайн бераша 1амабойла а, буьйцийла а».
1980-чу шарахь Малкана ло ненан меттан  йиллина урок. Хьошалг1а баьхкина бара Къилбаседа-Кавказан республикашкара хьехархой. Дадаговас шен урокехь методикан 17 кеп юкъаялийна хиллера х1етахь. Малкана бечу белхан хьакъ боллу мах хадош 1988-чу шарахь цунна совг1ат до  Учитель – методист», «Отличник народного образования Российской Федерации» аьлла, сийлахь ц1ерш тахкарца.
2005-чу шарахь Дадагова Малкан Аргунера № 4 йолчу школера Соьлжа-г1ала № 7 йолчу школе болх бан дехьа йолу. Шен хенахь Аргунехь Малкана хьехначу дешархойн  шайн хьехархо бахьнехь аьтто хилла поэташца а, 1илманчашца а вовшахкхета, нохчийн маттах а, литературех а церан йолу дог-ойла йовза. Царна юкъахь бара Арсанукаев Шайхи, Джамбеков Ша1рани, Джамалханов Зайнди, Хасбулатов Асланбек, Хатуев 1абдулхьамид, кхиберш. Ала дашна, Малканан литературан урокашкахь хиллачара массара а ч1аг1до: цуьнан урокаш ладог1а дог доуьйтуш, дешархойн дагах кхеташ, царна диканиг хьоьхуш, церан г1иллакх-оьздангалла совйоккхуш, шайн къоман культуран, историн, ненан меттан  пусар дан уьш 1амош хуьлу.
Соьлжа-г1алахь № 7 йолчу школехь Малкана «Нохчийн оьзда йо1» аьлла йина мероприяти моссуьйттозза вайн республикан «Вайнах» телевиденис гайтира – оццул мехала бара хьехархочо бина болх. Суна хезна, Малканан а, Раисин а дешархоша дуьйцуш, цу шиннан белхан стоьла т1ехь гуттара а керла зезагаш хуьлура, бохуш.
Ши шо хьалха Малканан дахарехь маь1не хилам хилира: иза Хьаьжин Ц1а яхара. Дадагова Малкан Хароновнех лаьцна дийцар дерзош ала лаьа цуьнан шен дешнашца: «Х1умма а дестийна хир дац, х1инца санна нохчийн маттах лаьцна дийца а, къийса а йиш йоцчу хенахь, иза хьакъдолччу т1ег1ант1е баккха г1ерташ, цуьнан сий-пусар айа г1ерташ оха лелийнарг хьуьнаре г1уллакх ду аьлча».

Аса х1окху статья т1ехь ц1ерш яьхна хьехархой ненан мотт к1орггера хаа а хууш, доггах беза а безаш, дешархошна и безийта а хууш, шайн дерриге хьуьнар, ницкъ, хаарш оцу балхана д1а а делла, ма-дарра аьлча, шайн дахар а берашца доьзна, цу балхах а, ненан маттах а дахаран къилба а дина, къахьоьгуш бу. Ишттачу говзанчийн вай сий-пусар дан деза. Вайн массо а школашкахь оцу тайпана хьехархой белхьара, ненан меттан хиндолчун хьокъехь вай сагатдан ца дезара.

 БАРЗАНУКАЕВА Айза.