Ма йелхалахь, сан Соьлжа-Г1ала

Зура Итсмиолорд
Хьан дег1ан йина чоьвнаш гуш,.
Хьан латтан йина г1ийло  хууш.
Къурдабеш  саттоха г1ерта.
Ма йелхалахь, сан Сольжа-Г1ала.

Везачу Делер собар  доьхуш,
Борсак санна кхуьуш к1ант а,
Зезаг санна кхиьна йо1а  а...
Ма йелхалахь тхун, Сольжа-Г1ала.

Стела1адан т1айнаш тесна,
Ша санна шила шовда муьйлуш
Эчках бина  турпал-к1енти
Са д1адалла бу хьун хьийзуш.

Ма йелхалахь, сан Соьлжа-Г1ала.
Толам бакха пурба луш.