Сан г1ийла ойла

Зура Итсмиолорд
Ойлане евла мархаш
Малхан йоьх-сибат хьосту
Таь1на-сира асанаш
Суна  ц1аерзан некъ  гойту.

Ма генахь бу сан  Даймохк.
Жовхаран т1адамсан лепаш.
Ма бода ду сан  доца дахар
Ца лепа  цун г1ийла з1анарш.

Соьлжан хиш дистина доьлхуш
Сан кирара алуха лета.
Г1амарах б1овнаш йоьттин
Хьурсилдиг хилла со лела.

Хьога мохь тоха сан са дац,
Хьоха  яла а сан  йиш яц.
Седарчийн барташ   гуладеш
Сайн ц1аерзан некъ Делер боьхуш.