Зайрбек Хамерзаев. Сизифан къинхьегам

Саид-Хасан Кацаев
 (С-Хь. Кацаевн кхоллараллехь гIиллакх-оьздангаллин проблема)
            
 1

 ОЬЗДАНГАЛЛИН ДОЗАНАШ

 "Хуьлуш лаьттачун бахьанаш вай лаха деза вайн дахарехь". ("Авторера".)
 "Ша хесториг бен ца веза къам, кхиъна ца хиларан билгало ю. Кхетам лахара болчу къомо шен яздархо сийсазво. Кхетам кхиъначо, яздархочо дуьйцург, шена мел ца тахь а, и тидаме а оьций, кхачамбацарш дIадахарна тIехь болх бо". ("БIарлагIаш".)
 "Даима къонахий хIаллакбеш, кхиа ца буьтуш, кIиллой даржашка хIиттош, лайн амалш йолчу нехан гIо лоьцуш, дола деш, церан верас хилла схьадеана хIинццалц Iедал. Оцу политико ша лелочух вохийна лелийна хийла стаг. Цу хенахь дагчу боьжна кхерам дIабалаза бу тахана а вайн баккхийчу нехан. Кхерамна кIел сацар, шен сица мукъана а маьрша цахилар, къаьсттина кхераме ду яздархочунна". ("Балхахь").
 Кацаевн "Iаьнан суьйре" цIе йолу хьалхара книга оцу айаман зевнечу мукъаман лакхенехь чекхйолу. И цитаташ Кацаевн произведенеш тIера вай ялийна, цуьнан произведенеш зорбане ца йовлуьйтуш, царна (я цунна) дуьхьал хиллачеран кхетам самабоккхуш. Вайна дукха гена ца яьллачу советан замане юхахьаьвсича, вайна дицдалаза гина ду мел доьхнарг а (вайн Iадаташций, оьздангаллашций догIуш ца хилчахьана) лело, дийца а мегаш хилар. Ткъа зударий, мел эвхьаза леларх, вайн советски дахарехь яцара проституци, наркомани а, царах йовлу цамгарш, харцо, къизалла а. Амма и дерриге а ган йиш йолуш, гуш делахь а, зорбанехь хьехо а, нахала даккха а йиш йолуш дацара. И вайна Iедало кхетийтина цамгар яра шен идеологи чIагIъеш. Тахана зама мелла а хийцаелла. Дешан маршо яьлла. ХIетте а юкъараллера а, чиновникашкара а, "цхьаъ ма-хилахьара" бохуш, шеконца юхахьежар дайна дац. Оцу цамгарех вай цIандалийтар Iалашо йолуш, гIоьртира Кацаев шен произведенешкахь вайн сакхташ дийца.  Цул хьалхарчу чкъурах болчу яздархоша а и тема шайн произведенешкахь хьехайо яйн кепехь (С-Хь.Нунуев, М.Ахмадов, М.Бексултанов, И.Эльсанов). С-Хь.Кацаев царал а кIоргене, къайлене а кхийда воьлла къоман лазарш дуьйцуш. Цо меттахъхьайина тема иттаннаш шерашкахь зуда-ламанхочун маршоне боьду некъ майрачун, я ден-ненан, я вежарийн а тIеIаткъамах боьзна хила ца беза бохучу политикин зенаш дуьйцуш ю.
 Зударийн, божарийн бакъонаш нисъяро, уьш шайна ма-луъу лела битаро а доьзал кхиорехь иэшамечу агIор беш болу тIеIаткъамна бехке Iедало къомана коча йоьллина "эмансипаци" хилар го вайна. Цо вайн къомана тоьхначу цамгаро зуда маьрша яьккхина хIусамненан декхарех. Зуда доьзална, хIусамна а хера ялийтаро гIелдина доьзалера вайн къоман гIиллакх-оьздангаллин цIеналла; майрачун, зудчун юкъаметтиг; доьзалера барт, марзо; эвхьаза баьккхина кегийрахойн безам...

 2

 ДОЬЗАЛАН ЧIАГIО

 Доьзалийн гIиллакх-оьздангаллин чIагIоно, иман лардаро, цуьнан дозанаш цахедоро а латтийна къам Дала шена деллачу вастехь. Хьаъа хIуъу дийцахь а, доьзалан кхиар дуьххьалдIа зудчун, хIусамненан кхетамций, цуьнан дуьнене болчу хьежамций, дикачу амалшций, хаза, кIедачу маттаций доьзна ду. ТIаьххьарчу замано деза, жоьпаллийн дукъ дожийна нохчий зудчунна тIе, бераш дуьненчу дахарал сов, царна рицкъ латтор (и цкъа а хIинццалц хилла хIума дац вайн исторехь), цIийнан гIуллакхаш кхочушдар, юкъараллин белхашкахь ларабар, берашна оьздангаллин абат йовзуьйтуш, гIиллакхаш лардан Iамор.
 Оцу балхах, цхьадолчу декхарех хьалха а юьтуш, Дала азаллехь кхуллуш, зудчунна тIедехкина парзаш кхочушдан маьрша уьш ца битахь, вайн доьзалш кхиоран хьелаш галдевлла хиларх кхето деза нохчийн къам.
 ЦIийнда ву боху "божа", жуккар санна, эралла дар бен кхин цхьа а декхар доцуш, маларца я кхечу куьцара эргIадваьлла лелахь, вай хIаллакьхуьлу некъахь дуй хаа деза вайн юкъараллина, Iедална а.
 Оцу цамгарша хьийзош долу къам кхето гIерташ, Сизифан къинхьегам шена тIелаьцна схьавогIу Кацаев Сайд-Хьасан.

 3

 БIАЬРГ ТОХАР

 Кацаевн кхоллараллех лаьцна яздан суна Iаламат хала ду. Цуьнан кхоллараллех  лаьцна мехала дешнаш аьллачарна юкъахь Iилманчаш, гоьбевлла яздархой, поэташ, журналисташ, критикаш а бу. Иштта юьхьанца дуьйна дуьхьал аьзнаш а ду.
 А.Айдамировс, В.Акаевс, М.Ахмадовс, Ш.Цуруевс, И.Эльсановс, Г.Индербиевс, Э.Минкаиловс,  Д.Сумбулатовс, Л.Ибрагимовс, А.Гайтукаевс, I.Медиговс, М.Ибрагимовс, И.Демеевс, Н.Абушайховс, У.Лорсанукаевс, кхечара а аьллачул сов ваьлла сайга хIума алалур ду бохуш, ца воьлла со хIокху балха тIе. Амма нохчийн меттан, литературан а, хьехархо хиларна, наггахь сайн кхоллаелла ойланаш зорбане йохуш, кхиберш санна, книгаш ешархо хиларна а, сайна хетарг, сайн кхоллаелла ойланаш йовзуьйтуш ву-кх Кацаевн шолгIачу книгех лаьцна.
 Кацаев Сайд-Хьасан суна вевзина 12-13 шо бен хан яц. Тхо вовшийн девзачу хенахь иза Куршлойн кIоштан дешаран отделан куьйгалхо вара. Иза яздархо хилар суна цул тIаьхьа бен ца хиира. Цуьнан хьалхара ши книга зорбане 1997-98 шерашкахь бен ца елира. Уьш ас шолгIачу книгин "Автоинтервью" тIера еша йолийра. Автора ша-шегара оьцучу интервьюс жимма цецваьккхира со. ТIаьхьо-м кхийтира со. Шен оппоненташна а, юкъараллина а, ша къобал ца вечарна а бIаьргаш белла, царна шен кхоллараллин мехалла хаийта, хIоранна а меркIел ихна ша, уьш кхетош лелла вер воцу дела, бала а кхаьчна цхьаьна а корреспонденто, яздархочо а оьцуш ца хиларна, ша-шегара интервью эцна Кацаевс. Иза а говза гIулч ю, къар ца валаран амал яхчош.
 "- ХIун дохьуш вогIу хьо литературе?" - дуьххьарлера хаттар. Жоп:
 "- Нохчийн литература искусствон цхьа дакъа ду. Амма вайн дукхаха болчу яздархоша ИСКУССТВЕННОСТЬ бохучу хьесапехь кхетадо и: доцург яздеш, дерг хаздеш, тодеш, марздеш, хестош и дI.кх. Оцу яздархойн произведенеш дийна яц, "кхоьллина" ю. Цундела авторш дуьненчохь а болуш, лийр йолуш ю уьш. (Тайнигаш а кхуллу вай адамех тера. Дала кхоьллинчу адаме-м ца кхочу уьш цхьа а. Бераллин хан дIаяьлча дIатосу уьш адамо. - З.Х.). Цу произведенийн кхачамбацар: фантастикина фантази а, бакъдолчунна доьналла а цатоар ду авторийн. Ас "хила тарлуш дерг" ца яздеш, тахана долуш дерг, гуш дерг а яздо. Нохчийн литературехь и ИСКУССТВЕННОСТЬ дIаяьккхина, аьлла хета суна айса, къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш. Бакъдерг - и ду искусствон лаккхара тIегIа а, исбаьхьалла а".
 Кацаевс нохчийн литературехь кхайкхош оьрсийн, дуьненан яздархойн а демократийн, гуманистийн а принципаш ю. Дуьненан литературехь дешан маршо тоххара яьккхина яздархоша, амма, тахана уьш хестабахь а, шайн заманахь хала дара царна а. Уьш емал бора, суьде ийзабора, оьзда бац бохуш, наха, критикаша а хьийзабора. ЮкъавоггIушехь, литературехь дийца дихкинарг достуш, дешан маршо йохьуш веара Кацаев. Цундела чIагIдо цо: "Цхьа хан яьлча билгалдер ду: сан цIарна тIера нохчийн литературехь керла мур дIаболабелла хилар".
 Лоьрана адаманийн дегIа тIехь къайле йолуш, дихкина а хIумма дац. Яздархошна а хила  ца деза къайле йолуш адамийн юкъаметтигашлахь, синлехамашлахь хIумма а. Оцу балхана маьрша хилча бен яздархочуьнга къасталац адамийн синоьздангаллехь, синцIеналлехь а лелхаш долу сакхташ, лазарш, кхеташ йолу цамгар, цо яржош йолу хьу, хуьлуш болу эшамаш а. Яздан маьрша воцчу яздархочун похIма кхоччуш схьаделлалац.
 Советан заманахь Iедало хаьржина некъ цхьаъ бара - шайн идеологица йогIуш йоцчу произведенешна некъ бехкар. Цундела цу хенахь тоьлла произведенеш кхоьллинчу яздархойн я махкахбовла дезна, я Iедал доххалц царна дуьне ца гина.
 Нохчийн яздархойн, политикийн а махках бовла, я шайн книгаш арахеца а аьтто ца хилла, цхьа Iабдрахьман Авторханов воцчарна. Вуьйш набахтешкахь, Сибрех а бахкийна.
 Зорба, дош а чIогIа мехала, лардеш а дара Iедало. Совнаха дерг ара ца далийта массо а меттехь охьаховшийна шайна тешаме нах а бара.
 Кацаевна, масех дийцар зорбане даьллачул тIаьхьа, дуккха а шерашна бихкира зорбане болу некъ. Ма-дарра аьлча, я тахана а ца го вайна литературни журналашкахь цуьнан произведенеш, я цунах лаьцна аьлла дош а. Цуьнан бахьана ду цигахь балхахь вай буьйцу нах хилар. Iедал хийцадаларх, уьш хийца ца белла. Тохарлерра дегнаш ду церан кийрахь.
 Дика ду-кх Советан Iедал дохарца, зорбанна тIехь йолу урхалла дIаяьлла. Республикерчу журналаша, газеташа ара ца хецахь а, пачхьалкхан я долахьчу муьлхха а типографехь (къаьсттина республикал арахьа), шен чоьтах, книга арахеца йиш ю муьлхха а стеган. Ахча дацахь, нахера сагIийна дехна а...

 4

 ЯЗДАРХО МАЬРША ХИЛА ВЕЗА

 Вайн литературан классик волу С. Бадуевн ша вайн заманахь дийна хилча, шен произведенех (исбаьхьалла яц юьйцург) воккхаве кIезиг меттиг хир бара церан идеологически, бакъдерг гайтаран а агIор. Ша емал деш, Iедало ницкъаш беш, нохчаша дIатесна, хера даьхна Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ а малдаларна а, вайна хиллачу эшамийн, зенийн а декъахь ша а гуш.
 Вайна юкъахь тахана шен ваха йиш хилча, Бадуевс шен произведенеш цу кепара язйийр а яцара. Замано, Iедало а боккха тIеIаткъам бо адмашна.
 "- ХIун ду кхоллараллехь коьртаниг: хатI, мотт, исбаьхьалла, говзалла, сюжет я хIуъу делахь а кхин?" - шолгIа хаттар ду интервьюхь.
 Бакълоь, нийса а боху Кацаевс хаттарна лучу жоьпехь: цхьаммо а ца язйинчу кепара, цхьаммо а алаза дерг а дан а дац, я лоьхуш къахьегар эрна ду. Амма къоналлехь дукха шераш дов оцу кепе кхача ца луш, литературехь шен некъ лоьхуш. Эххар а кхета ша гIаларташна, бIалгIанашна тIаьхьаидарх. Яздаран цамгар хьакхаелларг, ца яздеш Iийр вац. ХIораммо а юьтуш ерг шен заманан лар ю, цундела заманан векал хилла чекхвала веза, цуьнан билгалонаш, синлехамаш, синхаамаш, васташ, гIиллакхаш, ламасташ а бакъдолчунна тIера даггара яздеш. Башха дика сюжет, исбаьхьаллин лакхара говзалла, шен хатI, кIоргера аьхна мотт а хилча дика-м ду яздархочунна. Амма уьш дерриг а шеца делахь а, яздеш долу хIума хьуна чухула чекхдаьлла дацахь, хазахетарца, халахетарца ахь кийрахь аьхьна, лайна а дацахь, хьоьга язлур-м дац. Яздича а и нехан дегнашка кхочур дац.
 Журналистико яздархочунна луш болу пайда бевза вайна кхоалгIачу хаттаран жоьпехь.
 Кацаевс шен жоьпашкахь моттарций, хетарций, ца до къамел. Цо билггал шена зеделларг, даррехь шена гинарг, хиънарг бен ца дуьйцу. И цуьнан дикачу адаман, тоьллачу журналистан, бакъволчу яздархочунна башха амал ю.
 Литературан теорехь Iаламат кIезиг белхаш бу нохчийн. Къаьсттина нохчийн маттахь. Дерриг Iилма а Советан пачхьалкхехь оьрсийн маттахь кхуьуш дара, атталгIа къаьмнийн республикашкахь а. КIеззиг пайда лора цу тайпанчу Iилмано къомана, яздархочунна а шен кхиарехь. Оцу маьIнехь аьлча, "Автоинтервью" боккха кхиам бу нохчийн литературан теорехь. Интервьюн кепехь и язъяр - еша, кхета а атта хилийтаран дуьхьа ду. 
 Цо Кацаевн кхоллараллехь программни меттиг дIалоцуш хиларна, яздархочун шатайпа манифест лара мегар долуш бу и болх.
 Ша яздийриг арахеца аьтто баккхархьама, "Даймохк" газете балха воьду Сайд-Хьасан. Цигахь евза цунна журналистан къинхьегаман халонаш.
 Журналист яздархочух къастош дуккха а бахьанаш карадо цунна.
 Журналист шен лаамехь воцуш, цхьана политически тобана, я цхьана идеяна гIуллакх дан дезаш стаг ву. Шена алап лучарах, церан декхарех а воьзна ву иза. Ма-луъу хьайн произведенеш тIеетта а бегIийла ца хуьлу. Цундела цо и болх дIатосу, яздархочун маршонах ца къаста. Хьехам бац и тIекхуьучу яздархошна, журналисташна а? Яздархочун болх дIакхехьа гIерташ, цхьана буйна ши хорбаз таръян гIертачарна а? Нисбала луучу журналисташна дика хьехам бу. Сайд-Хьасана уьш масех тобане бекъар а:
 - шайн дагахь дерг къайлехь а латтош, тIедеъанчу Iедална муьтIахь берш;
 - сом хилчахьана, стеннах а яздеш берш;
 - кхин баха, бовла а меттиг ца хилла балхах тасабелларш;
 - муьлххачу Iедална назманаш, хесторан эшарш лоькхурш, я даима муьлххачунна а неIалт кхайкхораш а.
 "Уьш цхьана хIуманах Iехабелла, я цхьана хIуманна дарбелла лелаш нах бу".
 Иштта дагадогIу Кацаевна литературана лерина шен газет арахеца. ХIетахь Цуруев Шарипаца и схьа а доьллу цо. (Карарчу хенахь арадолуш дац и.) Тахана Кацаев Сайд-Хьасана куьйгалла деш долу Куршлойн кIоштан "Машар" цIе йолу газет а "литературни" аьлла цIе яхана ду журниалистийн гонехь. И дозалла а ду. Цу тIера дукхах йолу материалаш шир ца лучех ю.
 Дала гечдойла А. Айдамировна, цо даима, вайн къам лардеш, беш хиллачу кхайкхаман девиз яра: "Вай Россица девнах, тIамах лардала деза, вай машар лаха беза цуьнца а, лулахошца а, массо а пачхьалкхашца а, массо а къаьмнашца а".
 Ийза а ца луш, дахарера бакъдерг дуьйцуш, къоман машарехьа болу некъ, барт чIагIбеш, дешархойн дог-ойла меттахъяьккхина, церан бендацаралла эккхийна, адамийн бIаьргаш хуьлуш долчунна, хиллачунна а дIабоьллуш, хиндолчу ирсах, тайначу дахарх уьш тешош, мехала болх беш ду "Машар" газет.

 5

 ЯЗДАРХО КХИАР

 "Журналистан болх - цхьана денна бен бац, ткъа яздархочун болх - гуттаренна а бу" - бохуш, къастадо Кацаевс. Амма журналистко шена "Даймохк" газетан редакцехь нехан кехаташна а, материалашна а, кхоллараллин белхашна а тIехь бечу балхо дуккха хIума Iамийна хилар лечкъа ца до цо: совнах дерг дIадайа, дукханна юкъахь харжа а, дустуш гIолениг къасто, ледарниг тодан, оьшург тIетоха а. Оцу практико шен произведенеш а кхоамза цеста, яра а, тIе сиз хьоькхуш дIакхийса а Iамирйа шена, корматалла кхиийра, боху цо. Цул хьалха ша мел яздо дош а мехала хеташ, хийца ца лууш, ма-дарра арадала деза моьттура.
 Доллучул коьртаниг лору цо яздархо шен даго хьоьхучуьнга ладугIуш, дахаран массо а агIонна сема, бIаьрг биллина, адамашца ийна, дика а хилар.
 "Муьлххачу а яздархочунна газета дика школа ю, амма хьайна цIий а ца луш пуьташ ботта Iамале, дIавала а веза-кх цигара", - хьехарш до Сайд-Хьасана. Болх муьлххург беш велахь а, яздаран ун кхеттарг литературе ца гIерташ Iийр вац, цамгаро хьовзийнарг больнице санна.
 "- Хьалхе а, сих-сиха а зорбане валар пайденна дуй къоначу яздархочунна? ХIун ду хьо вайн заманан яздархойх къасториг? Хала яздой ахь? Ахь яздечунна нах реза ца хилча хIун дан деза? ХIун гIо до яздархочунна критико? Оьший и цунна? Муха хьал ду нохчийн литературан критикехь?"
 Иштта ша хIиттийначу хаттаршна жоьпаш луш волу яздархо, иза мел къона велахь а, литературана, яздархочунна а хьалха лаьтта декхарш девзаш, зеделларг долуш, балхана оьшуш йолу коьчаллаш, гIирс а карабирзина, жимчохь дуьйна похIма долуш, дешан говзанча, маттана шера, синхаамаш ирбелла, ойланийн тIам маса болуш хила веза. И дерриге а марса яьллачу цIергахь кхехкаш тIехоьхучу е чуьра а, бухдуьйлучу шовданан хьостано, садоьIуш, туьйсу хин кIежах терра, Сайд-Хьасанан къамелехь иллийн мукъамех декаш ду. Кхоллараллин балхаца я возучунна, муьлххачу хенара велахь а, кхиа, Iама а, дан дезарг, дита дезарг а хьоьхуш, жоьпаш ду цу тIехь.
 "Газетехь я журналехь зорба тоьхча-м, наха язйинчу тексте санна, хьоьжу хьо хьайн произведенега. Даьлла гIалат, дIадаккха дезарг, тIетоха дезарг, кхечу тайпана ала дезарг, дика нисделларг, массо а агIо кхечу бIаьргашца го".
 Иштта таро нисъеллачу яздархочун кхиар сиха нисло, амма нохчийн яздархошна и саннарг доьгIна дац, - уьш бу бохучу бехказлонна бен "литература" а (яздархой а) кхиарна тIехьажийна вайн Iедалан цхьа а Iалашо ца хилла хIинццалц. Цундела вай яздархой шайн похIмаллин таронаш заздаьккхина а ялале, шен произведенеш зорбанехь ах я эхан ах а гучу йовлале, къанлой, тишлой, могашалла кхачалой дIабовлу.
 Кху заманан яздархошлахь шен башхалла лору Кацаев Сайд-Хьасана, ша вайнехан юкъара дахар долчу хаздеш, цIена а, "басар-подар а хьаькхна" гойтуш ца хилар. Ша шен халкъ даггара дезаш хиларна ву цуьнан сакхтечу агIонаш тIехь тидам латтош. Дуьненан литературехь демократина, гуманизмана а некъ баьккхина Радищев, Герцен, Бальзак, Мопассан, Л.Толстой, Достоевский, Чехов, Бунин, Драйзер, Фолкнер, Т.Манн санна, реализмана а, критически реализмана а, некъ боккхучех хьалхарниг лору цо ша нохчийн литературехь. Ткъа хьалхарчунна даима а хала ду.
 Произведенеш сиха я меллаша, дукха я кIезга язъялар яц яздархочун корматалла лакхара я лахара хиларан билгало. И авторан синхIоттаме хьаьжжина, ойла ян таро хиларе я ца хиларе терра нисло. Хьуна ледара хеташ дерг нахана товш, дика хетарг ца товш а нисло. Иза замане, книгашъешархошка а хьаьжжина хуьлу. Шен къам дезаш волчу а, бакъ дерг дийца юкъ йихкинчу художнико критика йо, шен махкахойх къахеташ, уьш цIанбала лууш. Амма и ца тов кхетамна беркъа болчарна (IуьтIанашна, хардангашна, бежлошна - къоман лахара чкъурана). Цара тIом болабо яздархочуьнца, цуьнан произведенешца а. Цунна дуккха а масалш ду исторехь.
 Массарна а там хуьлуш цхьа тема ю - къоман истори. Исторически произведенешкахь турпалхой цIена, оьзда, кхетам лакхара болуш къонахий гойту. Оцу темица догIуш хьан похIма а нислахь, хьан произведенеш езар ю нахана. Амма иза дахаран цхьа агIо бен яц. Нахана ца тов агIо ю церан сакхташ гайтар. Флобер, Т.Манн, Золя, Фолкнер, Бадуев, Ошаев, Айдамиров, кхиберш а цундела хьийзийна. "Нахана хIун хетар ду те?" - боху, ойла хила а ца еза яздархочун. Наха дуьйцург тергал ма де бохург дац и. Хьан заманхошна я махкахошна юкъахь цхьаберш нийса ца кхета тарло ахь дуьйцучух, бохург ду. Амма дешархошна нийса некъ гайтар критикан гIуллакх ду. Халахеташ делахь а, уьш шаьш бу тахана кхето безаш, советийн партийни идеологи тIехь бисина. Нахана хета дерг а хууш, церан психикина дукха ницкъ ца беш, уьш хьайн мостагIий хилла ца гIовттуьйтуш, дозанал тIех ца волуш, дешархой хьайца къовсаме бевлла а, къамеле бохуш, юкъаметтиг кхоллаялийта хьажа веза яздархо. Кхечахьа доьшу вай: "Хьайл хьалхарчу яздархоша хIун язйина, муха яздина, йоьшу церан книгаш я ца йоьшу, беза уьш тахана нахана я ца беза? Цуьнца дуста. Хьайн дагца дуста. Галвер вац хьо".
 Юьхьанца нахана хетачуьнга ла ма дегIа бохург нисдо Сайд-Хьасана, хьайл хьалхарчу яздархойн произведенеш йоьший хьажа, уьш нахана безий хьажа, бохучу дешнашца. Сайд-Хьасанна СаIид Бадуев, говза художник хиларна везахь а, амма цо бусалба дин, Iадаташ, оьздангалла а емал деш язйинчу произведенийн автор ша-м хуьлуьйтур вацара. Цундела ас сайга хаьттича, Дала бусалба динца тIекховдийначу некъара къам галдоккхуш, цуьнца Iотталуш йоцу произведени, къам реза хир дацахь а, яздархочун къобал йо. Ишттачу хьелашкахь нахана хетан дерг хьесапе оьцуш Iайла яц цхьана а яздархочун.
 Ас бакъво Кацаев Сайд-Хьасан цо: "Яздархо, поэт а - пайхамарна уггар гергара стаг ву", бохучунна тIехь.
 "Нахана ца гург, наха хьесапе ца оьцург, нахана бен ца хетарг, нахана дан а дац, я делахь а хьехо ца оьшу моьттург, цо, шена Дала беллачу кхетамца, бIаьрсица, лерсица схьалоцу, юха шен дагчухула чекхдоккхий, дIагойту нахана цаьргара хьал, церан Iер-дахар…  Атта-м дера ду яздан, нахана товш хилча, нахана тахь-цатахь а яздан ду-кх хала".
 "Хьо Дала деллачу похIмаца яздархо ву-кх, хьуна цхьа а хIума кхераме дац, хьо кхера а вийр вац, юха а воккхур вац, дегаза вер вац. Хала а хир ду, чевнаш а йийр ю, дог а лозур ду... Амма, юха а яздан гIо дийр ду. Хьол  лакхара суьдхо хьан ван а вац, Дела воцург", - чIагIдо къоначу яздархочо.

 6

 КРИТИК - ИСКУССТВОН НАКХАРМОЗА

 "Критикна коьртаниг ша йийцаре еш йолу произведени а яц, и бахьанехь я вуьшта, коьртачохь кхолладелла я хьалхе дуьйна, хилла йолу ойланаш йовзийтар ду".
 Эццахь Кацаев Сайд-Хьасана буьйцург ас хIинца шен произведенешна тIехь беш болу болх бу.
 Изза ала догIу оьрсийн тоьллачу литературни критикех лаьцна а: Белинский, Писарев, Добролюбов, Чернышевский...
 Яздархочун ойланашца критикан хьежам богIуш а, ца богIуш а меттигаш нисъялар дац гал. Амма критик уггар хьалха яздархочун башхалла, дешан говзалла, суртхIоттор, дуьйцург дерзо хаар, турпалхойн амалш, гIиллакхаш достуш, иштта хиларан бахьанаш гойтуш, адамашна нисдала, вочунах цIандала а гIо деш йолу ойланаш кхуллуш, яздархочун, дешархочун а юкъахь шатайпа тIай хила деза. Цул тIаьхьа ган еза критикна, елахь, оцу произведенин ледара меттигаш. Дуьнено а къобал бина яздархой-классикаш хеста а беш, шайн заманхошна Iиттарш яр дац критикан декхар. Цара тахана хестош, хьуна масална балош болу яздархойн а бу шайн хенахь критикаша хьийзийна, дика дош ца олуш. Классически масал ду-кх цхьана критико Чеховх лаьцна аьлларг: ваха а вехна, керта кIел  воьжначохь, велла карор волуш ву иза, сел оьзда доцу дийцарш яздеш волу. Тахана дуьненахь а тоьллачу яздархойн могIарехь ю цуьнан цIе. Амма беллачарна критикан хастамаш ца оьшу. Критикан мехалла гойтург цхьа хIума ду, боху Сайд-Хьасана, цо "шен дахарехь, цхьа яздархо мукъане а, нахана дикачу агIор вовзийтар. Иза дан ца хуучу критикан ши кепек а мах бац".
 Таханлерчу дийнахь нохчийн литературехь критика цахилар а гойту Кацаев Сайд-Хьасана. ХIунда аьлча, яздархо нисван, цунна хьекъал дала, иза шен некъах кхетийта, нахана цуьнан произведенеш дикачу агор яста а, критик ша кхоччуш эрудици йолуш хила веза. Оьздангалле диллича, литературан теори, дуьненан литература а йовзарехь яздархочул совваьлча бен, бакъо яц критикан шена хетарг дийца, яздархочун хьехарш дан, цуьнан кхоллараллин мах хадо а…
 Белинский, Писарев, Добролюбов санна, критикаш бахкаре сатуьйсуш ю нохчийн литература. Оцу критикийн кхетамца а, похIмица а, адмаллица а издательш а оьшура нохчийн литературни дахарна. Цундела муьлхха а литературни изданин куьйгалло шайна хетарг, Далла, нахана а лиънарг ду ца бохуш, произведени зорбане а ялийтина, наха цунах лаьцна хIун олу, хIун хета, муха тIеоьцу хьажахьара дика-м хир дара. Газеташ, литературни журналаш, издательствош а пачхьалкхан дотаци тIехь мел ю, оцу урхаллин куьйгалхойн кхетамций, цуьнан таронций доьзна хир ду зорбанан гIиллакх. Нохчийн мотт, декларативни кепера, цIархазмана доцуш, пачхьалкхан мотт белхьара, нохчийн маттахь зорбане йовлучу книгех шортта пайда хир бара. Кисанна комаьрша издательш а хир бара корматалла башха йолу яздархошка произведенеш язъяйта авансаш а луш. Кхечу пачхьалкхашкахь-м иза хилла, долуш а ду. Оцу куьце кхача вай Iаламат генахь ду. Халкъана мотт эшийта, цу маттехула шен доьзална напха лаха, сом даккха а таро кхолла еза пачхьалкхо. И уггар хьалха услови ю. Школаш, леррина, лаккхара а дешаран заведенеш а нохчийн матте яьхча бен, берашна дешар, Iилма а нохчийн маттахь хьехча бен кхуьур дац вайн къам, боху яздархочо. ТIаккха нохчийн маттахь книгаш а оьшур ю нахана, уьш арахеца луурш а карор бу. Уьш кегийчу къаьмнийн проблемаш ю. Цу тIехь нисдала деза Iедал а. Наха бахамаш гулбечу хенахь, яздархочо книгаш гулйо, дийцарш яздо. БIаьргаш хьаббича дуьсун долчу дуьненан хьолана, сахаьдда, тIаьхьаваьлла а ца лела. Долчух тоам бо. Яздархочун коьртехь йолу ойланаш халкъан, мехкан а дуьхьа ю. Таро хилча дика-м дара цуьнан. ТIаккха цхьаьнне пусар доцуш, книгаш зорбане яха аьтто хир бара.

 7

 ДЕШАРХОЙ БОЦУ ЯЗДАРХО - БIО БОЦУ ИНАРЛА

 Яздархочун дешархочуьнца, юкъараллица а йолу юкъаметтиг къастош а, шех а кхечу стагах яздархо хила гIортар а, стагах яздархо вийриг а хIун бахьанаш хуьлу а дуьйцуш, Кацаев Сайд-Хьасана дуьненан литература кхуьуш зеделлачу масаллийн баххаш тIе а тийжаш, дуьззина, кхетош а жоьпаш ло.
 Яздархочо язъеш йолу муьлххачу а жанран произведени а, шен интимни дневникийн бист кхаччалц, мел къайленаш йолуш елахь а, дешархочунна лерина, цо мацца а цкъа ешаре сатуьйсуш язъеш ю. Цундела, цхьаболчу яздархоша шаьш шайна язъеш ю бахахь а, дешархо яздархочунна даима дагахь ву.
 Кацаев Сайд-Хьасана яздархойн дикачу амалех лору: бераллин цIеналла ларъяр, дагахь хIума доцуш, сиха Iехалуш, цецвуьйлуш, хиламаш нахачул лазаме я ойлане, Iовжаме я беламе, хастаме я неIалте дагах кхеташ тIеоьцуш хилар. Яздаран новкъа адмаш довларан бахьанаш нисло ахчанан дуьхьа а, иза атта болх хетта а, дешна хилча ша яздан деза моьттуш а, цIе езарна а. Ткъа шена яздархо хила лааран бахьана: "Шен дог нахана, дуьненна а довзийта кхин некъ ца карийна", дара боху Сайд-Хьасана. Шен кийра паргIат ца болу, дагахь дерг, бIаьргана гинарг, лергашна хезнарг кехата тIе а даьккхина зорбане ца даьлча. Яздархо - заманан куьзга ду, амма куьзганан дикалле (качествога) хьаьжжина гойту цо дахар. "Цхьадолчу куьзгано хIума хаздой, вукхо дестадой гойту. Амма дикачо - ма-дарра. Цхьана муьрана еха-м лур ву дешархо, амма Iехош гена дIа вигалур вац. Авторехь яздеш хилла хьал кхоллало дешархочуьнгахь а книга йоьшучу хенахь. Бакъдоцург, даггара яздина доцург а сиха гучудолу. Иштта книга дIатотту дешархочо.
 Вай вуьйцург тидаме, кхетаме а дешархо ву. Ткъа юкъаралла вай схьаэцча, цунна дукха хьолахь ша Iехош, шегара дуьйлу гIалаташ, сакхташ лачкъош волу яздархо, ша хестош верг, цо мел доцург дийцахь а, дика хета.
 И хуьлуш ду муьлхха а пачхьалкхан системехь, шайчул гIоле юкъаралла дуьненчохь кхин ян а яц моьттуш, ша-шех тоам бинчу адаман тоба алсамъяьлча.

 8

 "БАКЪ ЛУЬЙРИГ ВОЬЛХУР ВУ - ХАРЦ ЛУЬЙРИГ ВОЬЛУР ВУ"

 Ткъа оцу шайл тоьлла хIума а дац моьттучу юкъараллин Iамчу я зIуганийн бенчу цхьаммо гIаж Iоьттина а царна хамталла яхь, оцу чохь мел долу садолу хIума гIоттур ду новкъарло йиначунна бекхам бан, иза шайна мел дика дан валлахь а. "Юкъаралло геч ца до шайна юкъара билгалваьллачу стагана", - яздо Кацаев Сайд-Хьасана. Къаьсттина сакхташ долу турпалхой яздархочо гайтахь, хIоранна а шен-шен сибташ а, амалш а карош персонажашкахь. ТIаккха дIайолало яздархо бехваран  кампани. Наггахь волу яздархо бен ца кхочу сийлаллин дарже юкъараллица Iотта ца луш. "Лахарчу кхетаман барамо цу произведенега кхечу агIор хьовса ницкъ ца ло царна. Шен юьртахь гIалахь, шен чуьра дуьйна халкъо емал во иза".
 Шен произведенеш автобиографични ю бохуш, дохкучу бехкашна дуьхьал: "Муьлхха а произведени ю цу бух тIехь я кхечу материалех (мемуараш, дневникаш, хроника) пайда оьцуш язъеш. Иштта йоцург ерриг а фантастика ю". Амма фантастика а ца хуьлу "цIенна фантази", авторан дахаро гулйинчу ойланех, суьртех, цара кхоьллинчу сюжетах а лаьтта и.
 "Исбаьхьаллин произведени хьан болчу хаамийн бух тIехь кхоллаелла фантази ю", - аьлла Хемингуэйс. Ткъа нах произведени тIехь хIора стагехь шег-шегахь персонажийн прототипаш лаха хIуьтту. Яздархочун бакъо ю шен турпалхочун амалш, сибташ вайн дахарера масийттангара я веккъа цхьаьнгара схьаэца а. ТIаккха бен цуьнан нахана беш болу тIеIаткъам сов ца болу, цуьнан Iалашо кхочуш а ца хуьлу.
 Литературин тIеIаткъам вайн къомана кху заманахь бан а бац, боху Кацаевс. "Вайн къам жима ду. Нохчийн маттахь деша хуурш чIогIа кIезиг бу, деша хан ерш я луурш кхин а кIезиг. ТIаккха а хIун тIеIаткъам бийр бу, Iедалан соьмах тешна Iаш болчу яздархоша?" Ткъа Iедална, паччахьна, халкъана а хьеставала дезаш волчу искуссствон белхахочух цкъа а бакъволу яздархо, художник, музыкант, артист хуьлийла а доций хоуьйту Кацаев Сайд-Хьасана. Цундела яздархочо шен "произведенин дуьхьа дерриг а сагIа до: гергарло, доттагIалла, карьера а. Цунна мел хезнарг, мел гинарг, хуург, дешнарг, лайнарг, гуш мел дерг, хIокху я оцу произведенехь гучудала дезаш ду, дан йиш йолуш дац".
 Литературица гергарло алсам долуш я шен, къаьсттина, жималлин, къоналлин, безаман ойланаш дневниках тешош, я дегIаца цхьа Делера сакхат долуш (заьIапаллица, эхь хетарца, къамелана шера ца хиларца - масане ду уьш) болучу нахах хуьлу яздархой. Цунна а дуккха а масалш карадо вайна, кхечу мехкашкара а яздархойн кхолламехь.
 "Массо хIуманна а реза волу, массо хIума дика долчу, цхьана а хIуманна гIайгIа ца ечу стагах яздархо хир вац. Сингаттамо, сатийсаро веш ву и, синцIеналло, доглазаро".
 Кацаев Сайд-Хьасанан "Автоинтервью" вайн мехкан яздархошна, яздаран новкъа бовла ойла хьаьвзинчарна а тешаме къилба ду, лаам бахчо пхьалгIа ю, говзалла кхуьуьйту дарс ду, похIма зен масал ду, къар ца луш Iалашоне кхачо накъосталла а ду. Соьга хаьттича-м хIора а яздархочун, Устав санна, жайна хилла дIахIотта дезара и дийцар а, "Яздархочун школа" ерриг книга а.
 Оцу книгин дийцарша дуьззина схьадиллина яздархочун кхиаран бахьанаш, цуьнан кхоллараллин Iалашо а, мехалла а. Къонахчун амалш ерг бен оцу некъахь сийлаллин дарже кхочург ца хилар гайтина цо. Дала похIма делла воцчух а, ша, кIадвалар хIун ду ца хууш, шех юкъаралла ца кхетарх дегабааме а вер воцуш, къахьоьгуш воцчух, мел Iамаварх а, мел тIетеIаварх а яздархо хир вац, тешаво Кацаев Сайд-Хьасана.

 9

 ШЕН ЦIАРЦА ДАХАРАН БАКЪДЕРГ ДОВЗИЙТАР

 ХIинца Кацаев Сайд-Хьасанан шолгIачу книгин цIе елла "Яздархочун школа" дийцарна тIехь  тидам сацо лаьа суна. Оцу дийцаран сюжет яьржина а, цхьанатайпанара а йоцуш, кхаа дийцаре екъалуш санна хетало вай дуьххьара дешча. Коьрта турпалхо къасторехь халонаш а нисло, тидаме воцчу дешархочунна. Ткъа тIаьхьа, ялхалгIачу декъана ялийначу "ДештIаьхьено" гуттар а галвоккхуш хетало дешархо. Бакъду, иза иштта дан а ду, нагахь вай дийцар хахкаеллачу ойланца, башха хиламаш а, дийцаран турпалхочун (кхоллараллин стеган, яздархочун, салтичун) иза "гражданкехь" волуш хиллачу Iалашонех а, цуьнан арме вахале дуьйна, шен произведенеш бахьанехь редакторшца хиллачу юкъаметтигех вай кхета ца гIоьртича.
 Цхьаволчо бехк баккха тарло - уьш дерриг а цхьаьнадетта оьшурий те? Оьшур дера-кх.
 Эскарера накъосташа дуьйцу вайн нохчийн кIентийн "доьналлаш", дийцаран коьрта турпалхочо кхоллараллехь хаьржинчу темин материал ю. Гражданкехь кхо Iора йохуш хилла тема тIеюзу салтийн  дийцарша. Оцу балхо хада ца дуьту дийцаран сюжетан тай, цо бакъбо кхуьнан гражданкера тидамаш, ойланаш. ЧIагIво ша айина тема мелла а шуьйра йийца езаш хилар, кхечу къаьмнаша вайх сакхташ лоцур долуш, нисдан дезачех къаста дезар а.
 "Яздархочун школа" дийцаран хиламаш коьртачу декъана Воронеж-гIалахь дIахьош бу Советски эскаран декъехь, мединститутан юкъараIойлехь а. Турпалхой берриге а вай махкахой бу, шайн цхьацца граждански а, социальни а декхарш кхочуш деш. Коьрта турпалхо, дийцаран хиламаш вовшех буоза а, яздаран хатI ца хийца а, боккхачу аьттонца хаьржина ву - ша автор. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологически факультет чекхъяьккхина, яздархочун балха тIехь гIеххьа зераш долуш, зорбанехь (редакторш, критикаш реза бацахь а) гучуевлла произведенеш йолуш, дахар мелла а шуьйра довзархьама, эскарехь долу хьал шена тIехь лан а, салтийн къинхьегаман чам баккха а араваьлла иза. (Оцо а гойту Кацаевс яздархочун болх мел лакхара лору. Элира бахарехь, хетарехь а ца язйо цо шен произведенеш, шена гиначух, ша лайначух а бен. Цуьнан дийцарийн коьрта турпалхо иза ша ву. Цо лечкъа а ца до и. Цул сов, кхиболу турпалхой а шайн бакъйолчу цIерашца буьйцуш бу. Ша тайпа похIма, говзалла а оьшу яздархочунна дахаран бакъдолчух исбаьхьаллин произведени кхолла.) Цуьнца цхьаьна а, цхьацца бахьанашца цунах бозабеллачу наха а дIахьош, дIайоьллуш а ю дийцаран сюжет. Нохчийчоьнан маьI-маьIIера вайнах бу уьш: салтий, студенташ, зударий а.
 Эскарера хьал низам ледара долуш, даар-маларций, духарций, къоначарна "дедовщинас" зене тIеIаткъам беш а карадо кхунна, киношчохь, книгаш тIехь а девзинчух тера доцуш.
 Даймахкал арахьа цхьаьнакхетар, бовзар а нисделча нохчийн кIентий барт болуш, вовшийн гIо деш, лоруш а карабо салти-яздархочунна. Амма, эмансипацин маршонах буьззина пайда оьцуш болу вайнехан зударий, меташканех ца къаста гIерташ къахьоьгуш а карийна.

 10

 СТАГАНА, ЗУДЧУННА А ЮКЪАРА БАШХАЛЛАШ

 Церан васташ хIиттош дукха дешнаш а ца дойу яздархочо. Эскарехь вевзина, ша хьашалла лелош волу, МахкатIера Iабдулла вуьйцуш, я вуо леларна цIерачара лелхийна, я шаьш акхабевлла дIабаханчу зударех цхьаъ хьахайо: "Iабдулла и ю аьлла шена хезча, цхьа йоккха стаг хир ю-кх и бохучу ойланца, вистхила дагахь вахана, ма хазахетар ду цунна нохчи гича бохуш. Дум санна ерстина, Iаьржа (маржа яI!) еха месаш белшаш тIехула охьа а хецна, ткъе итт-ткъе пхийтта шарал тIехъиккхина зуда гина кхунна.
 - Хьо нохчо юй? - хаьттина кхо, бер санна вела а къежаш.
 - Хилча хIун дан воллура хьо? - аьлла вукхо. Воха а воьхна: - ХIумма а дан ца воллура со-м. Вистхила дагахь веанера, - аьлла кхо.
 - Ваьллий хьо? - хаьттина вукхо, реза йоцуш.
 - Дера ваьлла-кх, - аьлла, юха а вирзина схьавеана хIара".
 Кхин хIун дийца деза и вайнехан меташканах лаьцна. Оцу жимачу суьрто, дийнна роман ца язъярх, дерг, ма-дарра, къегина гойту. Шен цIенна генахь, Россин кIоргенгахь шина шарахь, гергарчех а, беза-бевзачарах, доттагIех а, нохчийн маттахь дуьйцучу къамелах а хьаьгна волчу жимачу стеган, кхоччуш лазам беш, дог дохийна оцу зудчо. Цо хазачу хабарца, жимма шен къоман гIиллакх-оьздангалла гайтарца жимачу стагна барта там бинехьара, и зуда мухха лелаш елахь а, кхечу битаман суьртехь гур яра цунна. Ткъа хIинца оцу зудчо иштта ойланаш кхуллу авторан: "ЦIийнал арахьа, юххехь тайпана стаг воцуш, маьI-маьIIехь белхашкахь болчу зударех кхета хала ду суна. Уьш, хетарехь, я бевдда баьхкина, я цIера лаьхкина бу. Ишттачарна хаза хетийла а дац шайга вистхилча. Уьш я юкъараIойлашкахь хене бовлуш, я оьрсашка маре бахана бу".
 Марехь а болуш Iаш белахь-м цхьа бегIийла агIо а ю цераниг, нагахь санна шайна ма-луъу хецабелла бацахь. Иза а вайн заманахь башха сурт хилла лелаш ду, вайна ган а, дийца ца лаахь а.
 Кхузахь хьахо догIу:
 - ХIунда мега нохчийн стагана оьрсийн зуда яло?
 - ХIунда ца мега нохчийн зуда оьрсийн стаге маре яха?
 - ХIунда мега стагана шиъ я масех зуда яло?
 - ХIунда ца мега зудчунна шина стагехь (цхьана ханчохь) марехь хила?
 Къаьсттина шайн бакъонаш божаршца дIанисъян луучу зударшна оьшу и хаар.
 Бусалба динца, нохчийн Iадаташца, гIиллакхашца нийса а догIуш, цуьнан бахьанаш хIорш ду:
 1. Бусалба стага керста зуда ялорах, цуьнан шен дин лело бакъо ю. Цул сов, цо и зуда а бусалба дине ерзо тарло. ТIаккха цунна йоккха ял ю, Далла гергахь. Зуда керста йисча а, бусалба стеган бераш бусалба ду. (Жуьгташа беран къам ненан агIор лору дела, ца магадо жуьгтийн зуда яло.)
 2. Дуьненчу ялар бусалба динехь а долуш, керстане шен лаамехь маре яхана зуда жоьжагIатахь йогур йолуш ю. ХIунда аьлча, я цо лелор дац бусалба дин, я цIийнадас леладойтур дац. Нагахь керста стага бусалба дин тIе а эцна, ШахIадат далийна, кхидолу парзаш, суннаташ а кхочуш дахь, бусалба зудчун бакъо ю цуьнга маре яха. Нохчийн исторехь цунна дуккха а масалш ду.
 3. Цхьана стеган масех зуда хиларх, цара бина доьзалш цу стеган хилар шеко яц. Цул сов, и зударий иманехь белахь, вовшийн накъостий бу уьш. Цхьаннах, вукхунах а цамгар хьакхало, дола дан дезаш бераш хуьлу, цIийнаден гIуллакхаш хуьлу. Иза стаг акха ца валийта, иманах ца вохийта а, Далла гергахь, цIена некъ бу.
 4. Цхьа зуда цхьана ханчохь шина стеган долахь хила йиш яц, хIунда аьлча, цо дина бераш къоталгIа лору. И Далла гергахь хьарам некъ бу.
 Советан Iедал уггар а мIака даьллачу хенахь, Россехула буьйлабелла лелаш болчу зударша шарIо, нохчийн гIиллакхаша а бохург лардо ала хала ду. Вайн къоман дуккха а болх бу цу декъехь бан безаш. Лаккхара кхетам, оьздангалла а йолчу стага, зудчо а дуьтур дац шен къоман гIиллакхаш, бусалба дин а, муьлхха пачхьалкхехь а ша Iаш хиларх.
 Халахеташ делахь а, тахана вай кийча дац цунна. ДIакхаьчначохь, бухарчу къомах тардала гIоьрта вай, коьртаIуьйра довлий, кортош басар дина, йоций, цIармата телхигаш а юьйхина. Къаьсттина кхераме ду и тахана. Нохчийчухула кхерстинчу шина а тIамо дIасадаржий эзарнашкахь адамаш. Европан пачхьалкхашкахь лаккхара цивилизаци, оцу къаьмнийн гIиллакхаш вайчарал мелла а эвхьаза хиларна, цигарчу вайнахана кхерам бу царна юкъахь шайн мотт, гIиллакх-гIуллакх а дицдина баржарна. Муьлхха къоман культура, синоьздангалла а цуьнан маттаца йоьзна ю. Маттаца кхуьуш ю, мотт бицбарца йовш ю. Нагахь Имам Шемалан тIом дIабаьллачул тIаьхьа дIакхелхинчу нохчашка гIеххьа шайн мотт, гIиллакх а ларделлехь, цуьнан бахьана уьш бусалба пачхьалкхашка кхачар, хIаллак ца хилархьама, церан вовшех тасабелла Iен дезар ду. Цундела тахана болчу технически гIирсех (телефонаш, интернет, телевидени, зорба) пайда а оьцуш, Европехула даьржинчу адамашна аьтто кхолла беза шайн берашна мотт, къоман гIиллакхаш, литература а Iамо.
 Уьш нуьцкъаша, я Iехийна цIа берзо ца оьшу.
 Кхечу пачхьалкхашкахь вайн нуьцкъала, лаккхара интеллект йолуш диаспора мел кхии а вайн къоман тIаьхьалонна дика ду. Царна гIо дан деза нохчий биса.
 Халкъан гIиллакхийн цIахь, арахь а йолу башхалла го вайна Кацаевн "Яздархочун школа" дийцарехь. Меха баьхкина, сом лаха а арабевлла нохчий мелла а вовшашна хийра бу. Хьо шайга цхьаъ еха воллуш санна, нохчи вуй хуъушехь, тIехбуьйлу уьш. Делахь а, вовшийн багара а йохуш, цIахь мел тасабелла бахкахь а, аренца алсам гIиллакх ду нохчийн. Вовшашна дIахIиттина. Амма массарна а юкъахь студенташ къастабо къоначу яздархочо. Уьш болчу вахча, шен цIахь санна паргIат хуьлу. Шен вежарий санна, гергара а хета уьш. Царна а хазахета хIара веъча.
 Бакъду, иштта мерза, ийна баьхна вайнах, 1992 шарахь дуьйна, политико бекъна. Арахь а тохарлера барт, марзо яц вайна юкъахь. Цхьа хан еза вайна юха а уьйраш, къоман гIиллакхаш а меттахIитто.
 Массо къомана даима тамашийна хеташ, уьш вайх хьоьгуш а дара цхьа гIиллакх: цIийнал арахь ши нохчи вовшах кхетча, цул хьалха цкъа а вевзина вацахь а, и шиъ ши ваша, ши доттагI санна вара. Дика, вуо а доькъуш. Цу тIе юха дерза Дала пурба лойла вайна.

 11

 ЗУЛАМАН НАНА

 Дийцаран хиламаш кхиарехь лаккхара тIегIа ду доьалгIачу декъехь далийна, МартантIера Ризван шен дена хьалха юьхьIаьржа хIоттаран сурт. Иза а ду вайн хиллачу дахаран бакъдерг.
 Да хорбазаш йохка вахханчура, шайна гена йоцуш йолчу белхан лагерера студенткаш а балийна, шайн куьпахь сакъера хIутту Ризван. Боккха тидам тIебахийта беза дешархочо дийцарна оцу меттехь Ризвана дуьйцучуьнга: "Йоьттина "Камаз" дIа а хьажийна, дадас флягашкахь деанчу къаьркъанах цхьа канистра а лачкъийна, даха тхо, гIеххьа кепаш а йолуш". ТIаккха Ризвана, маьхза къаьркъа а молуш, хорбазаш юуш, сакъера мила йогIу аьлла, мохь тоьхча, лагерера зудабераш шайна аралелха меттигаш бол-болчухула арабовлий, кхара куьпа схьабалабо. Кхарна дагахь а дац, хорбазаш йохка баханчех цхьа а тховса цIа вогIур ву бохург. Оцу шайтIанийн базаро дерриг дуьне-эхарт а дицделла Ризван меттавогIу, буса шен кIеззигчу гIуллакхна араваьллачохь, четарна дIанехьа шен ден гIаларт гича. «"Я АллахI, дада ву-кх…" Кхин дан во-м дацара соьга! Сайна хууш, "гаррехь" эго волийра со, хIора меже шелонах санна, ега а еш, цергаш етталуш… Со са а малделла охьавоьжна дага ца догIу суна. Метта вогIуш: "Везан Дела, кхин ши бIаьрг ца боьллуш, хIокху меттехь велла велира со, - аьлла хийтира суна, - иштта юьхьIаьржа хIуттучул. Суна тIехIоьттина лаьтташ вара иза. "Да-а-а, - элира цо, - кIант воккха хилла". Со хьалагIаьттира. ЦIена ваставеллера со.
 - Муьлш бу уьш? ХIун деш бу уьш кхузахь? - хаьттира цо.
 - Тилабелла баьхкина, - элира ас. - Сахиллалц Iаш бу.
 - Бу? ХIумма дац. ДIакхетабе уьш, - аьлла бодашкахь къайлавелира иза».   
 Кхузахь яздархочо баьккхинарг боккха кхиам бу. Пха дIахеца дуьйлина Iад санна, гулделла, эккха кийча, мIаьргонехь сецна гIуллакхийн сурт: къонахчун синIаткъамехь собаран, оьгIазлонан а къовсам.
 Оцу буссехь, РизвангIар зудабераш дIакхетийна цIа боьрзуш, эрна арахь бензин кхачадо машенан. Шех хIуъа хир делахь, шен дас сагатдийр дуй хууш, хорбазийн куьпа дIакхача гIерта Ризван. Сахилале иза дIа а кхочу. Вижаза, шаьш цIадахкаре хьоьжуш, лардеш Iаш караво Ризванна да.
 "Дада, бензин мичахь ду? Бензин кхачийна некъахь диснера тхо. Со гIаш веана", - бохуш, Ризван бехказвийла воьлча, кхо лелийначунна кхехкаш Iаш волчу дас: "Бензин? Бензин-м ас лур ду хьуна", - аьлла, дIакхевдий, топ схьаоьцу. Ризван аратасало. ТIаьххье шозза топ йолу. ХIара оцу вадарх, шен денанна тIекхача, Нохчийчу цIавогIу. Цунна хаьа, иза йоцчуьнга ша ден оьгIазлонна кIелхьара ваккха лур воций. Цхьа хан яьлча, шаьш долчохь Ризван лехарх кара ца вича, да цIа кхочу. ХIара цIа кхаьчний хиъча, кхин къамел а, цIахь сацар а доцуш, иза юха а хорбазаш тIе дIавоьду. Ткъа Ризван итт баттахь, оцу юьхьIаьржа хIоттарх, дена гучу вала ца хIуттуш, лечкъаш, цунна дуьхьал хIотта эхь хеташ лела, кхин цунна гар доцуш, арме вахар а нисло.
 Цул тIаьхьа зудабер хьахийча а самукъа долуш вац иза.
 - Суна гинарг шайна дайнехьара, зудабераш хьехо дог догIур дацара шун, - олу Ризвана.
 Накъосташа:
 - Цу беса хIун гина-те хьуна? Буса "бIобу-м" ца гайтина хьуна цара? - аьлча:
 - "БIобу" дера гайтина суна тхан дас, - олу Ризвана.
 ЧIогIа къегина гучуйолу оцу дийцарехь нохчочун амал. Да ларар. Дех кхерар. Амма и деккъа физически кхерар, я топ тоьхна ша верна кхерар дац. Иза кхераран бахьана ша нохчийн гIиллакхах воьхначохь дена гучувалар ду. Кхин ши бIаьрг ца боьллуш, оцу меттехь велла велира ша, боху кIанта, иштта юьхьIаьржа хIуттучул. Цунах буьрса урок хилла цунна.
 Ала деза, дена, кIантана а тIехIоьттинчу киртиган бахьанин юьхь вайн махкахь социальни дахаран хьал тодан кхоччуш белхан меттигаш ца хиларехь ю. Цундела адам Россин массо а областехула лела, шайн доьзалшца, рицкъанна тIаьхьа даьлла. Оцу леларо кхечу къаьмнийн мегаш долу, вайна юкъахь дастаме долчу эвхьазлонан гIиллакхашка марздо кегийрхойн чкъор.
 Иза вайна Кацаев Сайд-Хьасана гайтина башха бIаьрла а доцчу, тIехь тидам соцур боцчу аларехь: "Дадас фляганашкахь деанчу къаьркъанах цхьа канистра а лачкъийна, даха тхо, гIеххьа кепаш а йолуш". Иза бу хиллачун бух. Ризванан дех лаьцна кхин цхьа а ледара агIо ца гайтина автора. Зуламан нана - малар ду. И ца хиллехь, ер йоцу топ ю и. Кхин хIумма а хууш ца хилча, оцу къаьркъано хIун до хьажа а, мала декхар дара Ризвана и, дас флягашкахь схьакхоьхьуш хилча. КIентера яьллачу ледарлонна де а бу бехк, аьлла хеталахь а, и иштта дац. Советан заман "гIиллакхех" цхьаъ ду и а. Жа тIехь, хорбазаш тIехь а волу нохчи кийча хила везаш вара муьлххачу хенахь а юьртара, районера я областера Iедал деъча, царна там а бина, мала дина, даа дина дIахьовсо. Иштта бен гIуллакх дIадоьдуш дацара, я хьоьца гергарло а ца оьшура. Флягашкахь латторан бахьанаш - цхьанхьа дорах карадар, эшча туькана ваха гена хилар а ду. Амма доьзална юкъахь и латторах пайда ца болу.
 Ризванан дохковалар даггара хилар теша вай,  юьхьIаьржонан шелонах хIинца а ваставалаза хиларна.
 Яздархо шен Iалашоне кхаьчна, Ризванан васт дешархошна кхоччуш довзийтарна.

 12

 ИЗДАТЕЛЬШКА, ЯЗДАРХОШКА

 Дийцаран дештIаьхье шен оппоненташка, хьалхарчу рогIехь редакторшка, критикашка а кIоргера ойла яйта, шен произведенешка уьш тидам сов боккхуш хьовсийта а, яздархочун кхетаман къамел ду.
 Оцу декъехь гучудолу Кацаев Сайд-Хьасана юьйлинарг шалго топ хилар, хIора патарма чубиллинчу биргIанан шен-шен лаьцна Iалашо а йолуш, амма хьажаяр цхьана метте, цхьана гIокхе ду. И гIакх - редакторш, критикаш а бу.
 Студентех цхьамма каникулашна цIа а вахана юха вогIуш, Соьлжа-гIалахь хIинцца араяьлла нохчийн поэтийн, яздархойн а гулар а йохьу. Цу юкъахь ду эскаре вале издательстве чуделла Сайд-Хьасанан "Сюрприз" цIе йолу дийцар а. Цу книган редактор волчу Ислам Эльсановс язйина рецензи йоьшуш, шен дийцарх лаьцначу могIанашна тIекхочу.
 "Хала ду Кацаев Сайд-Хьасанан "Сюрпризах" дийцар ала. Иза я литературоведени, я литературан критика, я мемуараш а яц, наггахь цхьацца дерг сов даьлча, литературщинех тера а хуьлу, иза, схьахетарехь, дIадоьдучух дагалецамаш бу".
 Шен дийцарийн башхаллах цхьаболу яздархой, критикаш, редакторш а ца кхетарна (М.Ахмадов, М.Завриев, Э.Минкаилов), болабо Кацаев Сайд-Хьасана Эльсанов Исламца а, цуьнца цхьаьна тахана волчу, хинволчу а массо редакторца, критикца а исбаьхьаллин литературех, теорех а болу къовсам.
 "Сайца, сайн доттагIашца а хиллаpг дуьйцу ас а. Цунах лаьцна яз а до. Ас и цкъа а лечкъа ца доpа, амма и яздаpхо хилаp дац, со Iамо гIеpтаpа и дийцаpш аpахеца, ца хеца а ницкъ беpш. Цаpа хьоьхучу агIоp хийцалучу меттана, ас сайн дахаpеpа кхин а цхьа дийцаp яздоpа".
 "Стенах ала деза тIаккха дийцаp? Муха хила деза и? Мила ву цуьнан дозанаш къастийнаpг? Суна хетаpехь, дийцаp цхьанаметта лаьтташ хIума яц. Муьлхаpг ду ткъа дийцаp? Бальзака я Шукшина яздинаpш, Пpишвинан Iаламах лаьцнаpш я Кpистин детектив? Моpавиас яздо дийцаpш я Толстойс, Хемингуэйс я Достоевскийс, Мопассана я Лесковс? Гуш ду оцу хIоpа яздаpхочун "шен-шен дийцаp" хилаp. Борхес, Маркес, Паустовский, Астафьев. Кхин а ягар ян оьший и цIераш? Еккъа нохчийн литература а ма ду масал, Бадуевна тIера Бексултановна тIекхаччалц. Мел тайп-тайпана ду хIораннан а дийцарш. Цу юкъахь шен Эльсановн а. ХХ-чу бIешеран дуьненан литературана уггар а боккха тIеIаткъам биначу яздархойх волу Хемингуэйн масал а ма ду. Цуьнан ша-тайпа яздина дуьххьарлера дийцарш мел дукха латтийна издательша, редакторша а: "ХIорш дийцарш дац, этюдаш, суртхIоттадарш, туьйранаш ду,"   бохуш. Сарояна ма аллара, дуьнен т ехь яздархой мел бу, церан яздан лаам а мел бу, дийцар муьлхха куьцехь, муьлхха барамехь, муьлхха хот ехь а хила тарло, я хьалхарниг, шолг аниг, кхоалг аниг ца хила а тарло. Нагахь литеpатуpа споpтаца юста таpлахь, дийцаp идаpца дуста мегаp ду. Маса тайпана ду идаpш? БаьIа метp тIеpа маpафон тIекхаччалц? Хьо баьIа метp бен ца ведча а, итт километp ведча а, водуш вац хьо? Ткъа "Сюpпpиз" дийцаp - дуьхьалонаш тIехула лелхаш вадаp ду".
 "Бакъду, и литеpатуpоведени я литеpатуpан кpитика а, я мемуаpаш а яц, амма литеpатуpан и ерриг жанpаш хилийта гIеpта со цхьаццайолчу пpоизведенешкахь. Кхечу дийцаpшкахь цу юккъехула политика хьахо а таpло. ХIун маьIна ду цуьнан? Литеpатуpоведени, кpитика, публицистика а кIеззигчу наха бен ца йоьшу. Суна уьш шуьйpачу нахана йовзийта  лаьа. Ткъа мемуаpийн хьу хьакхаелла хилаp - дIайоьдучу хенан кхоам хетаp ду..."
 "ХIун ю ткъа муьлхха а дийцаp, дагалецамаш бен? (Фантастика юкъа ца йогIу кхунна; ас и хьеха а ца йо.) Редакторша, критикаша а оццул вазвина вуьйцучу Марсель Прустан "Яйна хан лоьхуш" романийн цикл а изза дагалецамаш бац? Ас сайх лаьцна а ца яздеш: "Вехаш хилла цхьана халачу заманчохь Iабдул-МутIелип", - аьлча, дийцаp хуьлуp-кха цунах?"
 "И синпаpгIато (хетаpг лечкъа ца деш дийцаp) суна таханлеpчу демокpатино елла яц. Со кхиъна ву вайн бисинчу яздаpхоша "лечкъош" деpг гуш, цунна дан хIума а доцуш, дог этIаш..."
 Кацаев Сайд-Хьасана дуьйцург, цо шен произведени бехказа яккхарал сов, мелла а пайдехь ду нохчийн исбаьхьаллин литература, литературан теори, критика а кхиаран некъаш шорбарна, дозанаш дIадахарна а.
 Цунна тоьшалла деш ду Кацаев Сайд-Хьасана "оццул шех бIо боларца" яздинарг: "…Цхьа хан яьлча, хIара дийцарш къоначу яздархойн школа хир ю аьлла а хета суна… Айса книгаш ешарх лаьцна яздина ца Iаш, айса уьш язъярх лаьцна а дуьйцу ас".
 Дала аьтто бойла хьан, Сайд-Хьасан, хьан дагахь мел дерг кхочуш хуьлуш. Тахана ахь яздеш долу дийцарш вайн заманахь пайда боцчу девллачу адмашна шайн дахар ма-дарра йолчу цIарматлонца гайтича мукъане а уьш сама девр дацара те, нисдала гIоьртар дацара те, эхь хетар дацара те бохучу маьхьарца а, дог ца хаийта гIерташ, юьхь къажийначу бIаьрхишца а ду хьан.
 И мохь ца хезаш, бIаьрхиш ца гуш а берш мацца а метта-м богIур бу, юьхьанца дуьйна хаара шайна хьо "долуш дуьйна а ира кIохцал" хилар, бохуш.

 13

 МАССАРНА А ТОВР ЙОЛУ ПРОИЗВЕДЕНИ

 Яздархо граф Толстой санна вехаш, я Горький санна босяк мукъана а хила везаш вара яздархо, боху Кацаевс "Хазачу йоIах лаьцна туьйра" цIе йолчу дийцарехь. ТIаккха цхьанне хьалха декхар воцуш, я вала да воцуш, цхьанне шех бала а ца беш, маьрша хир вара яздархо. Ткъа "да-нана, йиша-ваша а долуш зуда ялон а дезаш волчу жимачу стеган йиш яц и лело. Нахана юкъахь Iаш хилча, цаьрца ваза а веза". Яздархочун балха тIехь новкъарло еш долу декхарш ду уьш.
 Оцу ойланашца "дезна а, девзина а зудаберех лаьцна тетрадь схьаоьцу" цо. И дийцаран хьалхара дакъа ду. Дийцаран шолгIачу декъехь дуьйцург яздархочун къинхьегамах цхьацца тидамаш, зераш гучу доху могIанийн хьехамаш бу. Кхузахь Кацаев Сайд-Хьасана дахаро вайна кхийдош йолчу мIаьргонийн мехаллаш гойту - цхьана дийнахь гиначо дийнна книга язъял хIума довзийтар а, амма цкъацкъа дийнна шарахь гиначо дийцар яздалла хIума ца охьар а.
 А.Чеховс произведени хьо "шелвелча" йоло еза баьхна. "Вовха воллуш" яздеш дерг, синIаткъамийн кхехкаро цхьана агIор озош, хиллачун нийса маьIна цададаларна кхерарна.
 Амма Сайд-Хьасана шена вовха воллуш яздар дика хета боху, ткъа "шелвелла" хан айхьа яздинарг цхьана Iалашоне дерзош къахьега аьтто болуш ю, произведенин мотт, хатI а шардеш, тодеш. Iедалан балхо а, цIахь долчу хьелаша а дуккха новкъарлонаш хуьлуьйту кхоллараллин балхана, амма вайн пачхьалкхехь ерриг система а ю "стеган аьтто ма хилахьара аьлла кхоьллина, гIуллакх карахь долчу хьаькамийн бист кхаччалц".
 И ерриге а дуьхьалонаш кега-мерса хIумнаш хета цунна, "массарна а тIеIитталуш".
 Цундела яздо цо дийцаран шолгIачу декъехь: "Оцу хьан кийрахь яьллачу цIаро нах баго доьгIнехь, тIе хи деттарх йовр яц и, къагар бен, суьйнаш а туьйсуш". Ца хуьлчу даьлча, "езачу йоIе ала мел дезарг" дIаяздина паргIатвала веза яздаран некъа ваьлларг, шен кийра бассорхьама. Цу хьоле ваьллачу стагах хуьлу дукха хьолахь поэт.
 Иштта ойланаша тIема ваьккхича дага догIу яздархочунна безамах лаьцна керла дийцар яздан. Ткъа и йоI ю кхунна селхана цхьанхьара цIа вогIуш, автобус тIехь хазъелла. И йолчу вахарх лаьцна яздан ойла хьаьвза кхуьнан, ша эскарера цIа веанчул тIаьхьа. И ойла хьаьвззинчохь чекхдолу дийцаран шолгIа дакъа.
 Ткъа дийцаран кхоалгIа дакъа инзаре чулацаме, жима а миниатюра ю. Роман лара мегар ду и. И произведени массарна а товш хир ю, чIагIдо Кацаев Сайд-Хьасана. Цу тIехь яздина хIумма а хир дац...
 "Цхьанне а ца тан йиш юй цIенчу искусствон произведени? Шайна ма тов, шайна бакъахьа хеттачу агIор ойланаш ян бакъо ю-кх нехан, сан книга бахьанехь. Вуьшта, ас мухха язйича а, цхьа а реза вац. ХIокху дийцарехь а, оцу хазчу йоIах лаьцна туьйра, шайна луъучу агIор тида аьтто бо ас дешархойн…"
 Хьенан мотт керчар бу оцу дийцаран сюжет хедаш а ю, яздаран хатI башха дац ала? Жанр къастош хало хилларг мила ву? Хьан эр ду и дийцар Кацаев Сайд-Хьасана яздархошна хьоьхуш рогIера дарс дац?
 Оцу дийцаран кхо дакъа цхьаьнатухург хьехамаш бу, яздархочо шена тIехь зийна, даррехь ша чекхваьлла некъаш а буьйцуш. Ткъа вай тидам ца бан а тарлуш долу дийцаран кхолагIа дакъа вайга массаьрга а баьккхина бехк бу, гIоранах а, похIмах а вуьззина волчу яздархочо.
 Ткъа "Хазчу йоIах лаьцна туьйра" хIунда аьлла дийцарх? Дера аьлла таханлерчу дахарера зудабераш вай массара а шайн лаамехь хецна дитина дела. Нохчийн йоIан, зудчун а сибат-аматаш дахарехь тахана кIезаг нисло дела. Ткъа туьйранан нохчийн зудбераш бен дац коьртахь йовлакх долуш а, еха кIажарш охьахецна, дегI хьулдеш оьзда духар дуьйхина, гергара стаг юххехь а волуш бен яхар-яр долуш а, пхьоьханашка ца буьйлуш, боьршачу нахах къаьхкаш, баккхийчарца эхь-бехк лоцуш а и. дI.кх.а. Цундела шайна луъу фантазин, бIарлагIанийн, а суьртехь васт кхолла, хIай нах, хазчу йоIах лаций, боху авторо.
 Яздархочуьнца со а Нохчийн зудчун васт "консервативни" кепехь бен ган лууш воцуш, ширделлачу гIиллакхийн гура чуьра нохчийн зуда а, йоI а араяла ца луучех дIатоха дага деанарш а хила тарло.
 Цаьрга ала ду Кацаев Сайд-Хьасанан а, сан а цхьаъ - тхуна Нохчийн йоI, зуда а вай къоман гIиллакх-оьздангалла толучу агIор, хазлучу барамехь, духарца а, ткъа къаьсттина синхаамашца а мелла а совбовларх новкъа дац.
 Амма кхечу къаьмнийн зударшна а, мехкаршна а мегарг тхуна хIунда ца мега бохуш, лачкъо еза меженаш оьхьуш, бежах хаьдда шинарш санна, бершлойн могIа тIаьхьа а хIоттийна Iоьхуш лела-м ца лаьа, "тхо маьрша девлла", бохуш. Кхечу къаьмнийн оьздангаллица мегаш дерг нохчашна ца мега, вайн вадца доцург тIе ма ийзий вай!
 Массо а дийцарехь бохург санна ду цу тайпа бехк баккхар.

 14

 ХЬЕКЪАЛ ДОЛУШ МЕЛ ХИЛИ А, ХАЛА ДУ ВАХА

 "Дешар - бода" очеркехь нохчийн меттан, литературан; историн, социологин а Iилман-талламан институтах, Iилман белхахойн халачу, цхьа а хьоьгур воцчу дахарх яздо Кацаевс. Оццул еха, йоккха цIе йолчу хIусаман, цу чохь болх бечийн бала болуш а цхьа а цахилар хоуьйту яздархочо. Къен меттиг ю, белхан аьтто хуьлуьйту алапаш а дац цигахь, валлалц болх бича а, луш квартира яц.
 Вайн махкахь, арахьа а бевзаш болу дуккха а Iилманчаш, дахарехь цхьа аьтто хиллалц, институтан подвала чохь Iийна. Къанваллац ваьхча а, кхин аьтто ца хуьлуш белларш а бац кIезиг.
 "Тхох дукхах берш Iилман институтан подвала чуьра схьабевлла, - ала йиш ю-кх вайнехан интеллигенцин", - боху Кацаевс.
 Доллучул а хазаниг ду, нохчийн маттана, историна, литературана а язйина диссертаци чекхъяккха республикехь меттиг цахилар. Iилманча Москва, Махачкала я Тбилисе ваха везаш ву, шен болх а эцна. Я цигахь аспирантура яккха езаш ву. Вайн цIахь ян а яц. Ткъа цигахь стипендех хене валалур вац. Денна дIайоьдуш инфляци а ю. Аьтто ца хиларна, дагана къаста мел хала делахь а, Iилман болх бита деза къоначу яздархочун.
 "Хала, чолхе а бу Iилмане кхийда некъ. Цуьнан лепачу бохь тIекхочур ву, кIадвалар хIун ду ца хууш, къар ца луш, цуьнан  тIулгийн тархаш тIехула хьала гIертарг. Со-м ког тIе биллина терхе чуюжуш, куьг тасаделла тIулг коьртах кхеташ висна. И "лепаш болу бохь" Iад а битина, кхечу агIор вахча хIун дара те? - ойла дага йогIу, кхин генавалале. ХIинца-м цкъа, тилвелча санна, лела со".
 ТIьаххьарчу дешнаша чулаьцна очеркан дерриге маьIна, кхетамна тIаьхьа дисинчу адмашна юкъахь волчу стагана дешаро серлонан метта бода бохьуш хилар. Стаг цхьанне а оьшуш воцуш, цунах цхьа а кхеташ воцуш, ша хьаьнца йоькъур ю шен гIайгIа - бала ца хууш, наха, шайна цо дина цхьа а вониг доцуш, дIатеттина товжа агIо боцуш тилвелла висар. Иза дешна а, хьекъалх телхина воцчунна йоккха трагеди ю. Боданечу юкъараллехь дешаро, Iилмано а луш йолу серло оьшуш, пайденна лоруш яц.
 Диплом схьаэцна, эскарера цIа а веана, иза уггар а могуш, хьуьнаре а волчу ханчохь нисделла Советан пачхьалкх йохар. Массо хIума а доьхна, даьржина ду, Росси когаяха а гена ду. Iилман серло бодано эшийна хан ю и.
 "Дешар - серло" бохучу кицанна дуьхьал ю очеркан цIе, чулацам а. Жимчохь дуьйна "цадешар - бода" бохуш Iамийнехь а, тахана дешар бодане дирзина. Цунах хьуна, хьох тешна Iачу хьан доьзална а пайда ца болу. Хьекъал долуш мел хили а, хала ду ваха. Наха кху муьрехь, баха ховша гIерташ, лело некъаш, харцонаш, ямартлонаш а, дешна хиларна, даго тIе ца юьту. Мел хала делахь а, дуьхьалонашка, материальни, моральни а халонашка ша къар ца войту яздархочо. Дийно-дийно хьекъал, говзалла, синхьелаш кхуьуш, похIма чIагIлуш схьавогIу Кацаев С-Хь. Иза могуш, дика а реакци ю.

 15

 ДЕШАН МАРШО ЯККХАРЕХЬА

 "Зуда ялор" дийцаран "юьхь" а ю Кацаев Сайд-Хьасана, шен къамел дола а дале, тIехинйолчу произведенешна некъ баккха гIерташ, издательствоца беш болу къийсам. Эскаре вахале зорбане дIаделлачу дийцарийн куьйгайозан кхоллам муха бу хьажа вахча, редакторан рецензи карайо кхунна: «Оццул лехарх, яло лартIехь йоI ца карош вуьсу авторан турпалхо. Шен "Оьздачу йоIан васт" цIе йолчу дийцар тIехь боху автора: "Карий те суна оццул сан критикашна езаш хилларг?". ДIаладоьгIча, кхунна моьттург ца хуьлу иза а. "ОстопираллахI! Къина а ма лорийла сан хIара. Критикаша хIун эр ду те?" - хоьтту кхидIа а автора. Къинойх, критикех дерг-м хаац, иштта и гIуллакх делахь, яло зуда а йоцуш, байлахь висарна кхерам болчу цуьнан турпалхочух къахета-кх».
 Дуьненан литературехь кхин а хилла масалш, редакторша керлачу кепехь я шайн кхетам тIаьхьа ца кхуьучу кепара язйина, я шаьш йийца ца даьхьа тема уьйу произведенеш ара ца хоьцуш: Д.Лондон, Э.Хемингуэй, А.Солженицын.
 Амма инзаре тамашийна позици ю нохчийн редакторша Кацаевн произведенийн хьокъехь лаьцнарг. Уьш долахьчу изданешкахь белахьара-м билла бехк ца хила а тарлора. Амма уьш пачхьалкхан изданеш ю. Редакторан бакъо хила ца еза, шена хетачун бух тIехь жамI деш, керлачу произведенина некъ бехка. Бальзак, Золя, Гонкур, Драйзер, кхиберш, кхиберш а, критикаша мел хьийзийнехь а, ара ма йийлина церан книгаш! Тахана уьш дуьненна а бевзаш яздархой бу. Церан критикаш шайн заманца байна.
 Оццул жоьпаллин белхан коьртехь болчара шен куьйгайоза массо а агIор луьттуш хилча, зорбане йовлуьйтуш ерш-м даладелла болх хила ма беза, бохучу ойланца туьканара нохчийн маттахь керла араяьлла книга оьцу цо. Амма оцу книги тIехь, шен дийцаршкахь яц боху, "исбаьхьалла" лоьху цо. Доггаха: "Ма къайле ю-кх хьо, исбаьхьалла! Ган йоьгIна а ца хилла хьо-м", - ойланехь аларца, вевзачех дуьххьара тIекхаьчначунна дIало и рогIера книга, Iама хьайна, олий, зорбане вала луучо муха язъян еза.
 Кацаевн произведенеш дуккха а шерашкахь зорбане ца йохуш хилларш, цхьа акха нах белахьара-м, кхеташ дара и. Уьш шаьш ма-бу яздархой. Цунна дукха а безаш. Цо шен дийцаршкахь, очеркашкахь, статьяшкахь а хеста беш. И ду-кх тамашийна хетарг. Шена дуьхьал мел олучу дашо керла сюжет кхуллу цуьнан.
 Кхоллараллин шатайпаналла, маьрша ойла а йолчу яздархочунна Iаламат хала ду "маьршачу пачхьалкхехь маьрша яздархошна юкъахь".
 
 16

 ЯЗДАРХОЧУН ВЕЛАР

 Ткъе деа шаре ваьлла дийцаран турпалхо, зуда яло ийзалуш. Хийцаеллачу замане хьаьжжина ду гIиллакхаш а: "стунненах - маpнана хили, невцах хIинца нускал хуьлу".
 . Яздархочун ироних ца кхета критикаш.
 «ЧIогIа тамашийна хета Сайд-Хьасана ша книгаш "ешаpх" лаьцна яздаp: "Ас уьш еша а ца йоьшу. Листа  а луьстий, юьту". Цуьнан оццул шех бIо болаp мича дилла деза а ца хаа», - яздо И.Эльсановс ("Яздархочун школа").
 Дембельх лаьцна: «Лаккхаpа обpазовани хилаp бахьанехь, нахана ваханий хаале, цхьа шо а дузале, бухаpчаpна кIоpда а вина, цIахьажийpа со: "Пхеа шарахь институтехь ца кхетийна волу, оха хIун Iамор ду хьуна?"- аьлла» ("Зуда ялор").
 Салтыков-Щедрин, А.Франс ца вешна те цара, М.Булгаков, М.Зощенко, Я.Гашек?
 Кацаевн массо дийцарехь, очеркехь бохург санна тIехлесташ ма ю ирони, сатира а. Мукъаман санна хIора дийцаран а ма ю шен кеп, аз. Долалушшехь ма го и муха яздина ду. Оьрсаша тон, тональность олу цунах. Иронически произведенех нисса юххьа кхета везаш ву. Хьайна бакъленна хеталахь а. Кацаевс, ша книгаш еша а ца йоьшу, листа а луьстий юьту, тIера чан-хIума дIа а йоккхий, бохучух, цо дуккха а йоьшу бохучу агIор кхета веза. Иштта Зощенкон цхьана дийцарехь юьйцу вилспетан дикалла. ЧIогIа дика вилспет эцна ша. Вуьшта чIург ю цуьнан сеттина, руль яц лартIехь, миндар, цхьацца кIала-кIозар а. Амма ша вилспет дика ю. Ала хIума доцуш.
 Яздархочун ирони - и синмогашалла ю. Стеган, зудчун, пачхьалкхан системан а, заман цхьадолчу гIиллакхийн а сакхташ гучудаьхна ца Iаш, беламе дохуш.
 Дуккха а ойла яйта хаттарш а, проблемаш а ю авторо "Зуда ялор" дийцарехь уьйурш.
 КIантана яло зуда ца караяр - цуьнан лехамаш дукха лакхара хилар ду. Безаман синхаам галбаларан бахьанаш кхоьллинарг а зама ю, юкъараллин дIахIоттам, эмансипацин маршо а ю. ЙоI ган а, вистхила а, захало дийца а хала долчу хенахь безаман синхаамаш экаме, ховха, цIена а хилла. Хийистехь, белхех, синкъерамехь, ловзаргахь я чу кхайкхина бен йоIе вистхуьлийла а доцуш. Хелха волуш, ца хууш хьакхавалар а луьра долуш. Юххехь верасех я тайпана цхьаъ воцуш йоI, зуда а яхар-яр доцчу хенахь хилла безаман синхаамийн марзо башха а, мехала а. Ткъа вайн заманахь школехь дуьйна йоIаршца хьерчаш схьадогIу божабераш.
 Жимчохь дуьйна школехь, транспорт тIехь, дешаран заведенешкахь, балхахь стен, боьрший ийна. Цундела оьзда йоI а, тешаме хIусамнана хинерг каро хало ду вайн заманахь.
 Яло мегаш зуда каро вайн дахаран дIахIоттарехь хала хиларал сов, и кхаба, доьзал боло а стагана рицкъа кхоччуш тIедан аьтто боцчу агIор хьаьвзина пачхьалкхан юкъараллин система. Оцу системо адам ахчанна тIаьхьадаьккхина, беш болх боцуш, массо а я йохка, я лачкъо араваьлла хьийза.  Ахчанах, бахамах, даржех а дерриг а духкуш, оьцуш хиларна, эхь-бехк а, гIиллакх-оьздангалла а дайина. Оцу хьераллина юкъахь, дахаран юьхь йолош, адамийн зуьрет дийна латтош йолу, доьзалан нана хила езаш йолу йоI, зуда, вешан йижарий оьздангаллехь буьсу агIор хийцалой вай, и дахаран зезагаш ларде вай, боху-кх юх-юха а шен дийцаршца Кацаев Сайд-Хьасана. Цо бехке бийраш зударий бац. Цо бехке бийраш къонахий хилла дIахIитта безаш болу нах, нохчий бу. Авторан дийцаршкахь техула хьаьжча - цавашар, велар гахь а, велха тар ца делла, велар ду. Амма дац и велар самукъадаларца, ду иза холча хIоттарца, кхехкачу кийрахь сецна, маьхьаре дала гIерта аз нуьцкъала сецош.

 17

 ЯЗДАРХО КХИА ВЕЗАШ ВУ

 Кацаевн дукхаха йолу произведенеш йоьшуш ("БIарлагIаш", "Сюрприз", "Автопортрет", "Оьздачу йоIан васт", "Автоинтервью", "Хазачу йоIах лаьцна туьйра",  "Яздархочун школа", "Баиев Iусманах лаьцна", дуккха миниатюрашкахь а), яздархочун къинхьегамах, цунна некъ маьрша бита безарх а ойланаш ю. Карайо уьш "Зуда ялор" дийцаран чаккхенехь а:"Замано луьтту деppиг а. Яздаpхочо мел кхоьллинаpг ца хуьлу мехала а. Амма некъ бехка ца беза цунна. Язйойла цо итт ледаpа книга, амма цхьайтталгIаниг эзаp шеpашкахь яха таpло! КIохцал ду и долуш дуьйна иpаниг. Яздаpхо кхиа везаш ву. Хенан йохалла дуккха а хIумнашка хьежам хийцало, тематика, теpгамийн го а шоpло. Уггаp халаниг, коьpтаниг а шен хаpш чу дIанисвалаp ду. ТIаккха атта ду мел беза а мохь текхо. Амма наггахь, массо а хIуманах паpгIатваьлла, тIема волуш хила а веза..."
 Шай яздийриг оьзда дац бохучарна жоп ду:
 "Суна хIетахь а хааpа и. Амма цхьа сол а ондачу ницкъо яздойтуpа  уьш соьга. Ас суо дохковаьлла баьхча а, нийса хиp дац...
 Шайна пайденна долчу хенахь, Дела ван а вац бохуш, чIагIдина нах, тахана, хIинццалц шаьш бехбинчу динан дайшна хьалха а лелхаш, хьаьжцIа баха гIеpташ зама ю хIаpа. Нагахь санна сан книга аpаяла доьгIнехь, суна хаа, кхунна дуьхьал дуккха а нах хиp буйла. Амма цхьа дегайовхо ю сан.
 Дуьххьаpа зуда ялийначу жимачу стагана Дала, хIинццалц летийначу къиношна гечдо, олуш хезна суна. ХIокху гуьйpана, оpца аьлла а, сайна цхьа бен вовшах ца тоьхча веp вац со... И зуда бахьанехь, Дела а, хIокху дийцаpшна суна къинтIеpа волуш хилча, наха а гечдийp ду, аьлла хета суна, сан къоналлин гIалаташна..."
 Ишттачу забарийн дустаршца, къаьхьачу ироница а дерзадо Кацаев Сайд-Хьасана дийцар. Кхечу пачхьалкхашкахь алап мел делахь а, долларшка даьккхича, шена луш долу алап диъ доллар ду (вайн ахчанца ткъа туьма). Цунах хеневала, гIала балха дIасалела а деза. Зуда муха ялор ю тIаккха?
 Юха хаттар хIоттадо: "Дийцар хуьлий ткъа кхунах а?". Ша жоп а ло: "ХIахIа, Iа ца луш дина йозанаш ду. Дийцар, Чеховн принципца лерича юьхь, чаккхе а дIаяьккхича, дуьсуш дерг ду…"
 Юьхь, чаккхе а дIаяьккхича юьсуш ялх миниатюра ю, цхьаъ вукхул хаза, забаре а. Амма цу дешхьалхенаша, дештIаьхьенаша а шатайпа атмосфера йохьу Кацаевн дийцаршка. Цуьнан произведенийн догIа лара мегар ду уьш, долор, дерзор, дешархочунна луш болу кхетам а.

 18

 ОЬЗДАНГАЛЛИНА КХЕРАМЕ ШЕРАШ

 "Сатийсам" дийцарехь а ялайо Кацаев Сайд-Хьасана дешхьалхе, дештIаьхье а. И, шен произведенешна маьрша некъ баккхалц, ламаст хилла дIахIоьттина цуьнан кхоллараллехь.
 Стенах лаьцна ду "Сатийсам"? Стенга сатуьйсу автора, турпалхоша а?
 Цул хьалхарчу дийцарехь стагах яздархо вийриг ши хIума ду: зуда, ахча а ца тоар, боху авторо: "Уьш лоьхуш лелаш цамгаp а хуьлий, чIагIлой, сих дулу яздаp. ТIаккха зуда евзича а, ахча кхачийна висча а, кеpла-кеpла сюжеташ кхоллало цуьнан. Шайн юкъаметтиг, ша хьоьгу бала а дийцаpна, повестана, я pоманна юкъа дохуьйту цо".
 "Лоьхуpг луp ду, аьлла боху Дала. Зуда ялийначун - доьзал кхиъна, ахча вовшахтоха гIиpтинчийн - хьал гулделла, со цхьаъ ву-кх яздинчул тIаьхьа кIиpа даьлча, сайна а дика къаьсташ доцу, хIаpа кехаташ бахам лоpуш Iаш..."
 "Со мел гIеpтаpх, хIаpа йозанаш юкъадало жанp ца каpайо сан накъосташна".
 Кацаевн йозан хатI аттачех ду, амма философи тIехула Iуьллуш елахь а, кIорггера ахка езаш меттигаш дуккха ю.
 Гуш ма-хиллара, авторан гIайгIа, шен йозан хотIах, башхаллах а кхеташ, мел юткъа а шен книга араяьлла цахиларца а ю. Нах санна, бахамна тIаьхьа ваьлла а ца лелаш, дерриг а дахар ша литературана дIаделлашехь.
 Исбаьхьаллин произведени маьждигехь беш болу хьехам бац. Яздархочо ойуш йолу проблема вайна хьалха хIоттайо суьрташца, васташца. Дешархочун декхар ду дуьйцучух нийса кхетар, дан догIу жамI дар, моллано дуьйцучунна тIехь нисвалар а. Литература и куьзга делахь (классически къастам!), куьзга бехке дуй шена чу хьаьжча вайна гучу суьртана?
 "Сатийсам" Кацаев Сайд-Хьасанан "ЮкъараIойла" аьлла йолийначу цикла юкъара дийцар ду. Йоккха, шуьйра а лаьцна циклан алашо, амма яздархочун ойла хенаца цхьана турпалхочунна (Алихаджиев Эльбрусана) гонаха йоьрзу. Цхьацца долчу дийцаршкахь автора цуьнан вастехь ша гойту аьлла а хета. Амма, яздархошца, критикашца а дIадоьдучу девно, шен цIарах яздарна тIеверзаво иза. Хетарехь, и бахьана долуш, язданза (я зорбане довланза) дисна цу циклан дуккха а дийцарш.
 "Сатийсамо" вайна хьалха схьадоьллу юкъараIойлера студентийн дахар. Маре бахаза мехкарий, зуда ялоза кIентий а бехаш бу пхоьаза тIекIел йиначу йоккхачу хIусаман тхов кIелахь. ТIекхаьчна керла шо. Къоначеран синхаамаш вовшашка кхийда. Юьхьанца хьалхалера цхьа-ши шо вовшашна тIе боьлху некъаш, цхьаьна богIу мотт, амалш лоьху. Боьрша, стен а адамаш цхьаьна гулделлачу меттехь, дуьне долийчахьана, лелла, лелаш, лелар долуш а хIумнаш ду. Цундела ду вайнехан гIиллакхехь шен доьзалехь а 8-9 шо кхаьчна долчу йишина а, вешийна а шайн-шайн дижа-гIатта чоьнаш нисъеш. Ткъа юкъараIойлехь а ма ю, зудаберийн шайн, божарийн шайн чоьнаш, ала там бу шена луучо. Ю. Амма яц уьш цIерачеран, верасийн а Iуналлина кIел. Уьш берриш шайн лаамехь бу юкъараIойлехь. Делан салам-маршалла хиларг, Мохьаммад пайхамара ма-аллара: "Зудий, стаг шаьшшиъ дисинчохь, кхозлагIниг шайтIа ду". Цундела бу дийцаран турпалхочн зударшна юкъахь кхиам. Хетте а, ша, наха а лелориг нийса цахиларх кхета иза: "Уггар цеце зама ю вайниг. Я вайнехан гIиллакхаш ца лардина вай (лардинехь а ца хаа моттийтар пайденна хета), я оьрсийн гIиллакхаш тIе а ца эцна. Цхьа ког цхьана берд тIехь бу, важа - вукху берд тIехь. Дехьа я сехьа а доцуш дисна. Эххар оцу юккъехула охьадогIучу хи чу эга там болуш а ду вай".
 ХIай, Нохчий! Дахаран муьлха некъ хоржуаша? Шуна дуьненахь, эхартахь а сийлаллица чекхдовла лаьа, я дуьненах эхарт дохка лаьа, я даьржина, дешна, доккхачу хих ийна довш долу шовданаш, кегий хиш санна, дан лаьа? - хоьтту вайга Кацаевс цу дийцарехь. Дерриг а вайн дахар чухьарчош, цIе кхоччуш марсаяьлча, хи деттарх яйа хала хуьлу.
 Кацаевн дийцарийн юьхь Iаламат чIогIа динамика йолуш, ХVIII, ХIХ шерийн литература санна, татин гота йоцуш ду. Хьалхарчу предложеница хьо дийцаран хиламашна юкъавалош, я дуьйцучух кхета оьшшучул бен, совнаха дешнаш доцуш. Дерзораш а дагахьбаллам буьтуш, дог Iовжош ду. Цу приемо тIеIаткъам мелла а совбоккху. Я дерриг а дика доьрзучул, я мел хилларг Iевшина охьадуьллучул а.
 Шен кульминаце кхаьчначу хенахь цIеххьана хеда "Сатийсам". Авторна лиънехь "Йижарий" санна яздан йиш йолуш дара хIара а. (Цу шина а дийцаран турпалхо а цхьаъ ву - Эми.) Цундела ойланехь (Эми, Тамара а шаьшшиъ дисча), хиллачун сурт хIотто меттиг буьсу дешархочунна, цкъа хьалха цуьнца эвхьаза ваьлла а хилча. Амма и бакъо а сихха дIайоккху автора. Цул тIаьхьа Тамарас ша ресторане кхайкхича а ца воьду Эми. Хиллачунна дохковалар дуй те и? Цкъа шайтIа тоьллехь а, дог бусалба хиларна, юха а цуьнга ша Iеха ца вайта ницкъ кхачар? Ша цавахаран бахьана цо кхин алахь  а, вайн кхета, и ша "къонах" ца хетарна кхоьруш хиларх. Студенташна гергахь "къонах" бохург - зударшна тIехь алсам толамаш баьхнарг ву. Дон Жуанан хьесапехь. Ткъа кехаташ охьа а тийсина, пасовать деш верг? Кхочуш хиланза диснарг турпалхочунна дагахьбаллам буьтуш делахь а, цIанваларехьа цо яьккхина хьалхара гIулч ю и.
 Мацах анекдотера лом дилла гIиртинчу художнико диннарг до яздархочо кху дийцарехь а. Лом дилла гIоьрташ, жIаьла нислуш, бала хьоьгуш хилла иза. Эххар а, хIара жIаьла дац шуна, лом ду шуна, аьлла, яздина цо суьрта буха. Цу кеппара, ша яздинарг дийцар дац, олуш верг хилахь а, цунна лерина "дийцар" олий билгалдоккху ша, боху яздархочо. Авторан ирони, юучух туху Iаьржа бурч санна, цуьнан произведенийн чам шатайпа тобеш хуьлу.

 19

 БЕЗАМНА ДОЬНАЛЛА ОЬШУ

 "Кехат" кхета хала дийцар дац. Цуьнан сюжет мелла а атта ю. Коьрта турпалхо Казбеков Султанна езало иманехь, оьздаллехь а чекхъяла хиъна йоI-студентка, Фатима. Баккъалла баханчу безамо Султанна дицдолуьйту, ша цхьана ханна самукъа даккха дагахь, цуьнца гергарло тасар. ЙоIан гIиллакхо де-дийне мел долу эвсара боккху и безам. Фатима ца гуш дахана де, хи чу тесча санна, эрна дайна хета Султанна. ЙоI юххера мел евза а, иза ялон ойла хьийза. "И цьамма ядаяхь хIун хир ду?" - бохучу хаттаро а дог огура. Эвхьазлонах ларлуш схьавогIура Султан, оцу агIор йоI зер а дастаме хийтира цунна.
 Кацаевн кхоллараллехь кху дийцарехь дуьххьара карайо вайна кху тайпа ойла: "Iехалур йоцуш йоI ян а яц, еза, юьгур ю баьхча-м муххале а. ЙоI ларъян еза". "Студентан дийцаршкахь" долчу зударийн вастах чIогIа къаьсташ ду Фатимин васт. Цул тIаьхьа мел язйинчу произведенешкахь цхьанхьа а кхин карор яц вайна йоI, зуда атта хетта, йорах хетта меттиг. Муьлххачу хьолехь а шайна зудабераш карадарх, уьш, йижарий санна, ларбо Кацаевн произведенешкарчу турпалхоша. Я Кацаевн турпалхой баккхий хиллехь а, я яздархо кхиънехь а, я дахарехь ша лехна оьзда йоI карийнехь а... Артистически прием, трансформаци яц и. И дахаран хьелаша цуьнан турпалхойн кхетамна, синошна а бина тIеIаткъам бу. Эскаре а дийцарийн тематика хийцархьама вахана ма-вара яздархо. Цу дийцарехь маьрша (студентийн) дахар, эскархойн дахар ший а гойту Султанан кхолламехула. Иза шен лаамехь эскаре веана ву. Студенташ цIахь буьту хан ю и. Амма эскарехь кхунна гуш дерг хокхо сатийсинарг дац.
 "Уггаp а цунна новкъадеpг, ша цIахь волуш санна ваха-ван а, луъуpг дан а маьpша цахилаp даpа. "Я хIаpа аpми а бац", - дог этIаpа цуьнан. Цунна моьттуpа: аpми - и даима хьаьддий-веддий лелаp ду, геpзаш лело, кхисса а Iамоp; машенаш, яккхий тоьпаш; дIадоьлхий цхьанхьа масех де-буьйса доккхуш, яа-мала йоцуш. Ткъа хIаpа, тIехь салтийн духаp хилаp, казаpмехь Iеp бен, цхьана а кепаpа кхин хIума дацаpа. ХIоpш боpаха, иштанехьа болу белхан ницкъ баpа. Массо а кхетаpа цунах. Кхаpна хьалха хIоттайо Iалашо а цхьаъ яpа - план кхочуш яp! Делла, дисна а".
 Казбеков Султан дуьхьал ву оцу системана. Распорядокца долу цхьа а хIума ца деза цунна. АтталгIа могIарехь хIума яа вахар а. ТIеман книгаш а йоьшуш вижна Iа иза. Со кхуза болх бан веана вац, бохуш.
 Амма ойла шайн институте кхийда цуьнан... Фатима экзаменаш дIалуш евзира цунна.
 Иза собаре, хьекъале, иманехь а йоI ю, ГIалахь кхиъна, ехаш а йоллушехь. ЦIена синхаамашна, безамна а тешаме.
 ГIалара дахар... И ца гора къоначу яздархочун цхьана а критикна. Цо массо а дийцарехь кхайкхош дерг цхьаъ дара: де-ненан а тергонера дIадаьлла гIала дахана бер галдаларна кхерам бу; и галдаккха дуккха а некъаш ду цигахь; ларде шайн бераш, хьекъал ца кхаьчначохь, Iехабеллачохь ма дохадайта цаьрга хIинцца бен долалуш а доцу шайн дахар... "Юьртара хила мега аьлла хетачу йоIе вистхуьлу со, кхин сайна и гур яцахь а. ГIалано и галъяккхаза юй хиъча, хазахета" ("Iаьнан суьйре").
 Нийса ца элира ас: "Кехатал" тIаьхьа мел язйинчу произведенешкахь цхьанхьа а кхин карор яц вайна йоI, зуда а атта хетта, йорах хетта меттиг.
 Яздархочунна, цуьнан турпалхошна а цкъа а атта ца хеттера нохчийн йоI, зуда а. Царна Iеткъаш дерг зударша шаьш-шай бораха хетийтар, шаьш-шай мах охьабаккхар дара. Къонахашна оццул беза хеташ болу.
 Нохчийн дахаран а, гIиллакхийн а дозанаш лардеш чекхбовлу дийцаран турпалхой.
 Амма вайн дахарехь галдолу хIумнаш ца гуш, уьш Iора а ца дохуш, "Кехат" санна дийцарш бен ца яздахьара, цунна шена а атта-м хир дара, адамаш нисдаран бала тIе а лаьцна лелачул. Амма и кхачамбацарш уьйуш ца хиллехь, ша тахана волу яздархо-м хир вацара иза. Шен дийцаран турпалхо Казбеков Султан санна, шен амалехь стаг ву Кацаев а.
 ТIаьхьалоне ла ца дугIуш, шена Дала дага тIе диллинарг деш, бакъонна тIехь чекхвала гIерташ. Дукха тIаьхьалоне ладегIар - стешхалла лерина вайн дайша.
 Хьалхалерчу дийцаршкахь цкъацкъа къасто хала хуьлура: дийцаран турпалхо мила ву те, ша Кацаев я Алихаджиев Эльбрус? Оццул ийна, цхьатера а дара цу шиннан васташ. Яздархочун "со" билггалдолу Кацаевн "со" хилла дIахIотталц, Алихаджиевн васт цуьнан шолгIа "со" дара.
 Яздархочун декхарна, принципашна а тешаме вуьсу Кацаев эскарх лаьцна яздеш а.
 "Маьршачу стага курра дIакхоьхьу шен къоман гIиллакхаш. Шен лаамехь воцчу стагана чIогIа хала ду уьш лардан. Уьш ца девзачу, ца лоьручу наха юкъахь-м муххале а. Цхьаболчарна кхета хала ду, бусалба нахана хьакха яа ца мега я боьршачу стагана нуй-горгам хьаькхча   эхь ду бохучух. Салтичуьнга, тIемалочуьнга дайта йиш йоцу, жимма а ша лоручу стеган сий дойу хийла гIуллакх дойту армехь. ПхьегIаш юьлуш, горгамаш хьоькхуш, хьаштагIаш цIанъеш лелачу нахах хIун тIемалой хир бу? Уггар хьалха Iедало ша пусар ца до церан".
 "Хьалхаpа ах шо хала даpа къоначу салташна. Массо а дIатийча, хан яьллачу хенахь, мийpаш а бетташ гIитта а бой, маггIаpа дIа а хIиттабой, хьийзабоpа уьш, етташ, тIечехаш.
 Iуьйрана эпсаро хоттура:
 - Хьан бIаьрг хьан Iаржбина?
 - Охьакхетта со,- олура салтичо.
 - Цергаш мича яхана?
 - Ког а тасабелла бIогIамах кхетта со.
 - Ши бIаьрг баьлла-м вацара хьо?
 Эпсаро мел довдарх а, ца кхоьрура салти. Кхерамениг, дIа а дийцина, буьйса йоккхуш чохь висар дара. Эпсар шен цIа вахчахьана волура. Шенначул доьналла долу долу хийла жима стаг, юххехь накъостий ца хиларна, морально-психологически каггавора.
 Цхьацца болчаьpга и  климат  лан ца лоpа.
 Командованина а и хууш даpа шеpа.
 Ламаст а хилла схьадогIуpа и. Эпсаршна а атта дара ишта. Шайн болх беза а безаш, салташа лара а лоруш, кегий болуш дуьйна эпсарш хила са а тийсина, доьналла долу нах кIеззиг бара царна юкъахь. Дукха хьолахь уьш, хьалхара ахшо лан а ца делла, шаьш долчу эскаран декъе тIеман училищешка кхойкхуш агитаторш баьхкича, и ши шо а дешаран пхеа шарна юкъадоьдуш хиларна баккхий бийна а ца бовлуш, хилаза ца бевлла хилла эпсарш бара".
 Амма ала догIу батальонан замполит, майор Болдин санна болу эпсарш армех ца хилча, нохчийн кIенташна Iаламат хала а хир дара, арме Iана яхана а хир яра. Иза царалахь адмалла долуш, салтичун синхIоттам бевзаш а, цунна тIе некъ карош а ву. Муьлххачу къомах велахь а, стеган мах адамаллийца къасто безар а гучудоккху Кацаевс оцу дийцарехь.
 Дийцаран дерзар а дешна ваьлча дицлучех дац. Дешархочо сатосу турпалхойн кхолламах хилларг хаа лууш. Фатимин доттагIчуьнгара кехат кхочу Султане. Фатима ядийнера, амма цIерачара и схьаяьккхина. Ядийна схьаяьккхина хилча, ахь и юьгур яц, бохуш, баккхий нах тIетуьйсуш, хьийзош ю и.  Мелла а сиха цIа вола.
 "Кехат" ша къаьстина дийцар делахь а, Султанах, Фатимех кхин а яздан дезаш санна хета. Яздархо цаьрца цкъачунна къаьстича санна. Султан Соьлжа-ГIала богIучу поездан тIе-м хуу, амма вайна ца хаьа кхидIяа хилларг. И цIа кхочий те? Я некъахь охьавоккху те? Фатима маре дIаяланза юй те? Кхойтта де даьлла кехат яздина...
 Оцу дийцарехь дац я дешхьалхенан, я дештIаьхьенан дакъош. Кацаевна шена а хиъначух тера ду, ша яздина дийцар цхьаьнне а ала хIума доцуш хилар.
 Нохчийн яздархошна юкъахь эскарехь хилларш вуно кIеззиг бу. Ткъа оцу темина яздина дийцарш данне а дац. Кацаев оцу тIехь а хьалхара ву. Цо кху дийцарехь штрихишца гайтинарг - кино яккхал чулацаме ду.
 Оцу дийцарехь а шен принципашна тешаме вуьсу яздархо. Мацахлера художникан санна, ша лом дилла гIерташ вара, баха ца дезаш, дика дийцар яздина Кацаевс. Лоьман амалца, мел хала киртиг теIоттаелча а вухур воцуш, къаьста цуьнан турпалхо. Султанан, Фатимин а васташ тоьллачех ду Кацаевн шен а, ерриг а нохчийн а литературехь. Дахар - басарш хьаькхна, тодина, хаздина ца гойтуш - ма-дарра яздарца. Советски Эскарех лаьцна язйинчу произведенех российски литературехь а тоьллачех цхьаъ лара догIу и дийцар.

 20

 АЬРХА АМАЛШ

 Вай хьалха хьехийначу Кацаевн произведенешкахь, дуьйлина латтийна дешархочун синпхенаш мелла а малдо, садоIуьйтуш дIахоьцу яздархочо "Хьамзат", "Конкурс" а цIе йолчу дийцаршкахь.
 Хьалхара дийцар коьртачу турпалхочун цIарах ду. Хьамзат къеначу Махьмин веа кIентаршлахь жимах верг ву. Воккхах волу Шота-м дех тера вогIу, ткъа важа кхоъ шайн аьрхаллица хьаьнга хьаьжна ву хууш дац, къаьсттина жимах волу Хьамзат. Уьш нохчийн дукхах болчу доьзалшкарчу берийн амалшкахь кхуьуш бу - коьртаниг тасадалар, латар хьалха а даьккхина.
 Дага догIу суна а, со жима волуш байкхийчара цхьаьна ловзуш долчу берийн тобанна тIе а богIий: 
 - Лата майра мила ву шух? - олура.
 - Со ву! Со! - маьхьарий довлура.
 Хьанна ца лаьа оцу хенахь баккхийчаьрга ша майра ву алийта? ХIинцца бертахь цхьаьна ловзуш Iийна бераш, мостагIий долуш санна, лета хIуьттура, эххар а вовшийн муцIарш а йохийна цхьаъ велххалц.
 "Хьамзат" дийцарехь даладо иштта сурт. Леча, Хьусайн, Хьамзат (Махьмин кIентий) дечге баханчохь, хьуьнхочун тIекхочу. Iедало, нахе дечиг ца даккхийта, дIахIоттийна волчу цуьнга: "Жимма буй-тIара йича хIун дара те вай?" - олу Хьамзата. Оцу стага шу дукха ду, ша цхьаъ бен вац аьлча, шен вежаршка цуьнгахьа вала цхьаъ олу. Тоьллачу шимма садоIур ду. Эшначара дечиг доккхур ду.
 Цигахь халкъан могуш забар хиларал сов, кхин а беламе дерг ду, хьуьнхочуьнга (оцу луьрчу заманахь Iедална хиъча мегар доцу) шайна даго дечиг даккхийтар. Кхаамма шена ницкъ бина ца алийта, воккхуш ву вежарех цхьаъ дехьа.
 Хьан эр ду и нохчаша дийр дац? Нохчийн амалехь а дац?
 ШолгIачу дийнахь шен баккхийра кIентий жа лоргуш битна, кхара селхана даьккхина дечиг хьуьнхара цIа дан шеца веанчу дега, невцана хьалхара дечиг дуттур дац ша, олу Хьамзата. Цецваьллачу дас:
 - И хIун ду ахь дуьйцург? Мила ву шун нуц? - хаьттича, Хьамзата жоп ло:
 - Хьо ву-кх. Тхан нана яхана, тхан нуц вац хьо? Невцана хьалхара гIуллакх дича эхь ма ду.
 КIантана дена а кхайкхош, гIуркх оьций, тIаьхьа волу да. Кху дийцарехь Кацаевс халкъан ирачу забарен Iиттаршца, беламе аларшца, гойту вайна юкъахь кIоргга орамаш хецна ехаш, вай тIелаьцна лелош йолу сонта амалш, дIа цадовлу ламасташ. Вайн къоман уггар а лакхарчех оьздангаллин мехала амал хилла дIахIоьттина майра стаг ву алийтар. И цIе ларъеш дала а кийча ду вай. Цундела бера хенахь дуьйна и кхиийта гIерта вай вешан доьзалшкахь. Невцаца йолу юкъаметтиг а вайна ца бевзачу нахаца чул а херонан доза долуш хилла стунцахошкахьара-м муххале а. Таханлерчу заманахь-м невцал чоьхьара, хьоме а, хьалха вала а мегар долуш, кхин сийлахь цхьа а вац.
 Хьамзат, шен вежарий санна, белха стаг а вац, дуьненан тIаьхьало лоьхуш вац, шен кадаьлларг дийр долуш, Iедална муьтIахь хир воцуш, шен аьрхалла юьтур йоцуш, стелахаьштиг санна, цIоькъалоьман цIоканахь къонах ву. Вайн къам, Дала кхуллуш дуьйна, нохчашна еллачу амалехь вайн замане схьавеана стаг ву иза.
 "Нехан таррел еха шаьлта" а ю цуьнгахь даима, шена кIордадаллац шена хазъеллачу йоIаца хелхавийлинчул тIахьа.
 - ХIара ловзар дIадоьхна шуна, - олий, нехан синкъерам бохор а хIумма а галдаьлла ца хета цунна.
 Амма вежарийн барт чIогIа хиларна, Хьамзата лелочу хIуманашна, хIара цара дIа ца теттарна а, наха лоруш, схьабогIу уьш дахарехь.
 Иза а цIена нохчийн амалехь ду яхьний-дагний вайлахь дехаш. Хьамзата шен карара шай-кай кхачийча, вежарийн кертара хIуъу дIаюхку шена схьалуччух. Доьзалехь жимах верг волуш, шен доьзал ца хиларна а, къахьега лууш вац иза. Шераш а ду, ахь къахьегначух хиндерг ца хууш.
 Шегара салам схьа ца оьцуш ларамаза тIехваьллачунна тIара латор долуш а ву Хьамзат.
 Са аьрто стаг лоруш, наха Iад вуьтуш хилла Хьамзат. Цуьнан амал, леламаш а нохчийн фольклорца йогIуш, самукъане а ю. Ялийна зуда, децIа яхханчохь, невцан боларна реза ца хиларна, стуннанас юха ца яийтича, зуда а юьту, мангал тухий стунцахой хьаьжкIаш а хьокху Хьамзата. Юха охьавогIуш ша буьйса яккха хьаша веш чу ца витинчу стеган сту балош охьавогIу. И, бен а боьй, дIабухку. Цо юха динчо гойту Хьамзат вуьззина нохчо хилар.
 Стеран дегара айкхаллина кхайкхина ахча а доккхий, иза юьртден коча тосу Хьамзата, цуьнан кертах ша дIаоьллинчу стеран наьIарна тIе а вигна. (Ца вуьгу гIийлачун, мискучун хIусаме!) Дерригенах а кхетта стеран да: ша лачкъийначу сан стерах соьгара ахча а даьккхина волчу, цуьнгара хIумма а юха хир яц, аьлла, кхин Хьамзатана, цуьнан вежаршна а гучу ца волуш, шен цIа воьду. Иза юьхьIаьржа ву. Цунна хаа, дайшкара охьадогIуш долу гIиллакх ша дохадарна, бина бекхам хилар. Цундела, кхечу хьелашкахь ша къовсур болу, сту а битина ваха деза цуьнан. И дика урок ю цунна, и санначарна а.
 Хьамзатан аьрхалла акха яц. Заманан, Iедалан а харцонна дуьхьал латта доьналла деза стагана.  Хийла бехк боцчу стеган обарг вала дезна паччахьан (юха Советан а) Iедал тедеъча. Шайн амалшца, сица, леларца а элий болчу ламанхошца йолу юкъаметтиг, оьрсийн Iедало шайн муьжгашца санна лелорна ду, массо хенахь а стаг дуьхьал воккхуш дерг.
 Вайн дахарера хиламаш бу Хьамзат, Казбеков Султан а санна болу къонахий кхоьллинарш. Иштта къонахалла жимчохь дуьйна хуьлуш ю. Воккха хилча гучуйолуш яц, цIеххьана. Шаьш долчохь, шайн ницкъ кхочучохь бакъо толош бу уьш, нийсо еш а. Хьамзат Советан Iедална реза цахилар а, хетарехь, цхьаъ ду. Къонахийн белшаш тIехь деъна и, ша тоьлла даьлча, къонахий халлакбан доьлла.
 Уггар воккхах волчу вешега Шоте, совнаха долу даьхни дIадаккхар хьахадо Хьамзата. Шотас Хьамзат човха а вина лаьллина. И ша вара Iедал доккхуш, чIагIдеш а шен цIий Iанийначех. Амма кхеран даьхни а дIадаьккхира. "ХIинца лаца хьайна! Даьхнина-м хIун дер дара, хьо Сибрех ца вахийтарна, Iедална баркалла а бохуш Iе хьо!", - олу Хьамзата. 
 Хьамзат дашна говза, самукъне а стаг ву, нохчийн философин чулацаме аларшца шарбелла буьйцу цо мотт. Колхозаш яхкаран хьокъехь: "Болх бан ца луург колхозе дIаязвала мегар ду шуна. Со нийса кхеттехь, со санначийн меттиг ю-кх и. Колхоз - цавахарн хIоз!" - боху Хьамзата. Я: "Нохчий берриш а элий бу моьттура суна, вайна юкъахь а хиллера лай". Хьамзат бакъ волу нохчо хиларна кхин а ду дийцарехь тоьшаллаш. Чувоьллинчохь хьалхарчу дийнахь набахтера бIотIа-гIазакхи тхьамдаллера воссаво, еттий гIибавоккхий. "Цул тIаьхьа маpшо елиpа тхуна. Иштта кIант ваpа Хьамзат", - бохуш дуьйцу цу чохь хилла дийна висинчех цхьамма. Харцонна, зуламна а дуьхьал бекхам бар, вай дIакхаьчначохь тхьамдалла ваьшка дерзор, я къар ца луш къийсар, нийсо езар, шарIица догIуш доцчунна кIел ца совцар а. Уьш вайн чехка а, довха цIийх ийна, вайн тем боцчу сих хьаьрчина Iадаташ ду.
 Дийцаран чаккхе мелла кхоьлина, лазаме, дагахь баллам буьтуш а ю дешархошна. ЦIийнах хьовса баьхкинчех цхьанна тIаpа а тоьхна, лаьцна Леча, Сибpех хьаннаш охьаеттачохь, бохам а хилла, велла боху. Шота Геpманан тIом болабалале, дешна нах лоьцуш, лаьцначохь кхелхира. Нана кIенташна лозучу даго, хеназа дIаяьхьиpа.  Виъ вешех цхьаъ бен ца вуьсу, Хьусайн.  1956 шарахь, Юккъерчу Азехь 13 шо а даьккхина, цIа дирзинчул тIаьхьа цо Чоьхьаpчу гIуллакхийн Министеpстве дахьийтинчу кехатан дуьхьал деанчу жоьпо тоьшалла до, Хьамзат, набахтехь цамгаp а кхетта, 1944 шаpахь кхелхина хилаp. Билггал деpг хууш дац.

 21

 КЪОМАН СИНМОГАШАЛЛА

 "Конкурс" дешархочун ойла екхалуш, деган гIайгIанаш яйеш, коьрте садоIуьйтуш дийцар ду.
 Божаршна гергахь идеальни несан, зудчун а васт, сибташ, куц, амалш, гIиллакхаш къастош, ирачу юморца яздина беламе хабар ду и.
 Коьрта турпалхо Увайс, зуда ялае, бохуш, цIерачара хьийзавахь а, мил-милла а яло лууш вац. Дийно сарралц гIалин урамашкахула цхьацца ойланашца лелачу Увайсана массо а маьIIехь летийна хаамаш го: тайп-тайпанчу куьйгабелхан говзанчаш беза бохуш. Амма ца карабо хьаькамаллин дарже кхойкхуш цхьа а хаам. Институташкахь конкурс ю, училище дIавоьху. Туьканашкахь а дикачу товарана цхьаберш рогIе хIиттина лаьтташехь, ахча долчара, тIе хIума а лой, тIехьарчу неIарехула дIадаьхьна карадо. Иштта хьуна ю-яц а ца хиъна хаза йоI, наха ялайой карайо. Оцу тидамаша дагадоуьйту Увайсана зуда ялоран гIуллакх Iилман-технически тIегIан тIе баккха. Цунна аьттонна санна, кегийрхойн "Республика" газетехь рубрика а ю "Захало".
 Увайсана хазло "Захало" рубрикехула "Нускалийн конкурс" дIакхайкхо. Дагадеанарг чекхдаккха деза къонахчо. Кехат, ручкий мукъа ца дуьтуш, ша лоьху йоI юьйцу Увайса.
 "Иза хила еза: цхьаннал тIех йиша а йоцуш, кхааннал кIеззиг ваша а воцуш, чувеанчуьнца бийца адамийн мотт а болуш, нахана юкъа яккха а мегаp йолуш, шен бага шегахь сацо а хууш, зуда - зуда юй, стаг - стаг вуй а хууш, меpза яахIума ян, куьцехь бедаpш тега говзалла а йолуш, беpаш ца чехош, со санна тхан цIеранаш а безаш, ламаз-маpха долуш, ша суна кхачаpна Далла хастам беш, суна яппаpш ца еш, бахьана долуш-доцуш шайн цIа а ца уьдуш, сан книгашна тIе чан ца юьллуьйтуш, суна тIе моза ца хоуьйтуш, сан кехатех куьйгаш ца Iуьттуш, хечина иту хьакха, коч йитта, нуьйда дIатега, баха а дезаp доцуш, маpненал хьалха гIаьттина, етт дIа а лаьллина, эсана хьалха докъаp диллина, котамашна хIума а тесна, хин фляга еана, новкъаpа-нацкъаpа яьккхина, со гIаттале юуpг кечъеш, мача боьха ца каpайойтуш, эсала, елакъежна йолуш, леp-алаpехь къийсаме йийp йоцуш, со волчу доттагI, хьаша веъча, пхьегIаш чIогIа вовшах ца етташ, хьаьжа юккъе шад ца хIиттош, гIуллакх долуш-доцуш туьканашкахула а ца кхеpсташ, балхахь ю со, бохуш, цIеpачу нуй-гоpгамах а ца уьдуш, ша ца дича, шен гIуллакх дан нехан зудаpий богIуp боций а хууш, декъа тIехь кваpтиpехь санна ца Iаш, юьззина хIусамнана а йолуш, ша кеpтахь йитаpх, кхабаpх а ца тешаш, оцу иpсах йоккха йийна а ца йолуш, шен йишинаш санна, сан вешин беpаш а дезаш... ишта и зуда каpийча, тахана а ялоp йолуш ваp-кха со, генаpий-юххеpий, гIалаpий-юьpтаpий ца бохуш, тайпий-тукхмий ца къестош, дийнош-буьйсанаш ца йохкуш, куц-хазаниг, тайнаpг ца хоьpжуш.
 Маpе йогIучунна хаа дезаш кхо хIума ду:
 1) школехь, институтехь а мел дешнаpг дицдан дезаш хилаp. Маpе - зудчун уггаp а лакхаpа школа ю;
 2) маpдена мотт бохьуш, несо шен мотт децIахь бита беза;
 3) зудчун  маpзо  - маpзошца хила еза".
 Вайн Мехкан Парламенто, Министрийн Кабинето а еллачу бакъонна тIе а доьгIна, конкурсе кехаташ чуделлачу мехкаршна юкъахь къастор ю кхоъ. Хьалхара меттиг яьккхинчу йоIах нускал хуьлу, цуьнан дола долу  хинволчу майрачун ирахь, бижна а Iуьллу а кертара бахам. Оцу бахаман хIусамнана  Увайсан дола йолу. ШолгIа, кхолгIа а меттиг леринчу зудберашна совгIаташ до, "Хьенехан тIехьийза йоI" боху статус а ло. Цу шиннан бакъо яц нисса шарахь кхин кIант тIехьовзо, я маре яха а. И шиъ, хьалхарниг гал ма еллина, цуьнан меттиг дIалаца кийча хила еза. Цул тIаьхьа шен гороскоп, болх, амалш йовзуьйту Увайса.
 Дийцар доьшучо яйина хан эрна хир яц.
 Нохчийн литературехь а дукха хир яц оццул ира забаре маттахь язйина, тIаьхьенашна гергахь а халкъан хилла лаьттар йолу произведенеш. Дешархочун самукъа даларца, эца масал хиларца а Хамидов Iабдул-Хьамидан "Бож-Iелица" дуста мегар ду и дийцар. Бакъду, Хамидовн пьеса, ша язйинчу замане хьаьжжина, советски гIиллакхаш толош ю. Амма вайна и тахана а герга йийриг халкъан забарш ю. Кацаевн дийцарехь шен заман хьу толош яц, беламе йоккхуш ю. Цхьадерг (юкъараллин кхачамбацарш, несарийн гIиллакхаш, зудчо лело догIург а), баккъал дийца тар ца делла, забаран кепе дерзийча санна хета.

 22

 ГЕРЗАН БАКЪО ЭШНА, ДЕШАРНИГ ТОЬЛЛА

 "Дудаевца цхьаьнакхетар" очеркехь буьйцург нохчийн исторехь чолхе мур бу. 
 Заводийн, фабрикийн, дешаран, культуран заведенийн болх боьхна, дахар шен низаман гIодера даьлла. Массо а хIума герз карахь долчу тобанийн кара дирзина. Вайн набахташкара арахецна а, махкал арахьара тIебаьхкинчу а зуламхойх сийсачу Нохчийчоьнан сурт карладоккху дийцаро. Iедалехь жоьлкаш, къуй, иза лардеш герзашца къуй, пачхьалкхан балхахь хиллачийн (тайп-тайпана предприятешкахь), бюджетникийн (хьехархой, лоьрийн, Iилманчийн, искусствон белхахойн), ю бохуш йолчу ерриге а интеллигенцин цIе йоьжна, мах, сий, гIаддайна. Герз карахь доцчу Нохчийчоьнан цхьана а вахархочун бакъо лаха, ларвала кху махкахь тIеваха, тетовжа  а Iедал доцуш дисар а ду очеркан исбаьхьа бакъдерг. Росси юкъара а девлла, вай маршоне, ирсечу паргIатоне Дудаевс, цуьнан тобано а кхачор ду моьттуш Iехаделла, дуьненан кхолламаш церан кара баларна, хIоьттина хьал, юха а гуш хетало...
 Интеллигенци тергал ца яр, массо а даржехь къуй, авантюристаш хиларх лаьцна боху яздархочо: "Хьалха хиллачел а яккхий жоьлгаш хета суна, тахана, нохчийн къам дуьненчохь хиp ду я дац къасточу муьpехь, и деppиг а дицдина (я цунах байpакх а йина!) озо-яккха а гIеpтаpш... Я баккъал, а оцу наха шен цхьа аьтто а бийp бу, цаьpца ша пачхьалкх а кхуллуp ю моьттуш лела те пpезидент а?"
 - Халонаш лан еза, пачхьалкх ян атта дац, - бохуш, нах доллучух а хадийна, шаьш миллиардаш кхечу пачхьалкхийн банкашка охьадохкуш Iачарна дагадоуьйту: "Цхьа-ши пункт йоцуpг, массо хIума а дика даpа коммунистийн Устав тIехь. Амма цаpа шаьш лаp ца доpа и. Тахана - иман-ислам, нохчийн пачхьалкх - массаpна а товш долу къамелаш хеза вайна куьйгалхошкахь. Амма моллано: "Ас дийpиг ма де, ас бохуpг де", - бахаpх гIуллакх ца хуьлу. Уггар хьалха цунах масал оьцу наха".
 - Хьо борз елахь катоха, къонах велахь сатоха, - бохуш, Iедалехь болчара шаьш тоьтту халкъ зуламан новкъа.
 Иштта ахча долу нах идо болийра, вайн лаьтта тIехула мел йолу составаш, сеца а еш, чIана яха йолийра. Пачхьалкх ян арабевлла бацара, пачхьалкх йохо арабевлла бара. Цу юккъехула деза-даккхий хабарш дуьйцура нохчийн къонахаллех, Нохчийчоьнан йозаллех а... Iаьрбийн махка цкъа хьажна боху Дела, Нохчийчу - шозза, бохуш, шайн Iаьржа гIуллакхаш дечаьрга: "И веза хинволу Дела, вай лелочунна оьгIазвахана, хьаьжна хиллий те моьттуш ву-кх со, Нохчийчу шоззе а", - боху къоначу яздархочо.
 И оьгIазалла вайна ган а гира-кх... Шоззе а чубеанчу тIамехь...
 Очерк ерзор а ду башха. Иза ларван гIерта вайх лакхарчу дарже кхаьчнарг кура валарх, адамаш, адамийн гIиллакхаш а чоьте ца лоруш, берриге мохк, цуьнан бахам а шен дола баьлла моттарх. Цунна далийна цо китайски туьйра.
 "Нахана бале баьлла, юьpта боьссина цхьа саьpмик хилла. Хийла къоман туpпалхо хIаллаквина цу саьpмика. Ву бох-боху къонах дIавоьдуш, туp а доккхий, лаp йоцуш вовш. Цецбуьйлуш Iаш хилла нах. Балехь бохкуш. Цхьа хан яьлча, кхин цхьа къонах а ваьлла, ша буьйp бу и саьpмик, аьлла.
 ДIавала, аьлла цуьнга, хьол хьалха а дукха къонахий гIиpтина и бен. Цул тоьлуp вац цхьа а. Хьайн ойлае. Къаp а ца велла, шел хьалхаpнаш санна, туp а даьккхина, вахана иза. Бийна цо саьpмик. Юха цуьнан бахамашка хьежа воьлла иза. Йоцуш хIума ца хилла цу чохь. Дешеш, жовхIаpш, кIадеш, бpиллианташ, дашо а, дети а кхабанаш, пхьегIаш, тайп-тайпана геpзаш, хIокху дуьнен тIехь мел йолу исбаьхьа хIума цу чохь гулйича санна.
 Оцу беppиг а бахамна юккъехь, дуккха а куьцаpа лепаш, паччахьан таж гина цунна. И чIогIа хазахетта, куьзгана хьалха а хIоьттина, шен коьpта тиллина цо. Гуш лаьтташехь, и коьpта тиллича, адаман куьцеpа саьpмикан хьесапе виpзина иза...
 Цунах лаpлойла лууp даpа суна пpезидент. Масалш дуккха а ду".
 Кацаевн очеркаш а еша атта йолуш, дийцаран кепехь язйина ю. Юьйцучу очеркан мехалла кхин а лакхайоккху, и тахана язйина цахиларо. (Республикехь нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу газетехь зорбане елира и хIеттахь.) Шен заманан историк ала догIу цунах. Тоьл-тоьллачу Iедало шайна луъучу агIор язйойту истори. Кацаевн кхоллараллехь вайна гуш ерг цхьа агIо ю - халкъан агIо.

 23

 ВАЙНА НОХЧИЙН IИЛМАН МОТТ ОЬШУ

 Iаламат мехала ду Кацаевс къоман Iилманах дог лозуш дуьйцург: "Нагахь санна нохчийн мотт, къоман культуpа, искусство, Iилма, исбаьхьаллин литеpатуpа а Iамаяp тахана хьалхаpчу метте ца даккхахь, ткъа оцу декъашкахь къахьоьгучу нехан бан беза аьтто ца бахь, вай хадош еpг вайн кхане ю".
 Амма нохчийн маттахь ши-кхо предложени вовшахтаса, хьесап дан а ца хуучу профессоршка аьлла ду: "Къоман маттахь доцуpг Iилма дац. МеpайоIан йолччул бакъонаш ю нохчийн меттан. Цундела хIинццалц Iилма хилла а дац вайнехан. Веша вай Iехийна тахханалц".
 Нагахь нохчийн къомах болчу Iилманчаша шайн белхашкахь цхьа мехала хIума "кхоьллинехь" а, цара кхиийнарг оьрсийн Iилма ду, нохчийниг дац.
 Iилман терминаш нохчийн матте муха йохур ю бохучарна делла жоп нийса ду. И терминаш оьрсийн маттахь яц. Уьш я гpекийн, я латинийн, я фpанцузийн, я ингалсан, я немцойн меттанашкахь ю.  Терминаш яц нохчийн матте яха езарш, царах болу кхетам хила беза Iаматашна, энциклопедешна, тайп-тайпанчу дошамашна а тIехь.
 Школашкахь дуьйна берашна нохчийн маттахь хьеха деза. Цуьнца цхьаьна оьрсийн мотт а Iамош. Къаьсттина доккха маьIна ду ненан маттахь 1-4-чуй классашкахь хьехар. Ненан маттахь бен, хууш цхьа а дош доцуш, догIуш ду школе бер. Оьрсийн мотт ца хаарна, берийн кхетам тIаьхьа буьсу. Китайски йоза Iамадар санна хIума ду и берана. И нийса дац аьлла хетахь, яхал тIаккха Россера школаш, институташ а французийн я немцойн матте, боху яздархочо.
 Дукха нохчий бу тахана а нохчийн Iилман мотт кхиахь а, иза дика хаахь а, ваьшна оьрсийн мотт бицлур бу я Iемар бац моьттуш. Шек ма довлалаш, иштта ойланаш йолу нохчий! Дахаран хьелаша вайга оьрсийн мотт, ца лаахь а, Iамабойтур бу. Иза къаьмнийн юкъара мотт бу. Цундела аьлла пролетарийн пачхьалкхан хьалхарчу куьйгалхочо: оьрсийн мотт нуьцкъаша Iамабайтар оьшуш дац тхуна. Ца Iамийча девр ца хиларна аьлла и Ленина. Цундела юха а боху Кацаевс: "Iилма шен маттахь хила деза. Ткъа меттанаш дукха мел хили а дика ду. Ма Iамабе бохуш цхьа а ма вац. Уьш тайп-тайпана ши хаттар ду, уьш иэдар нийса а дац".
 Оьрсийн Iедал чIагIделча оьрсийн мотт коьрте боккхуш, нохчийн ду боху Iедал хIоьттича - Iаьрбийниг. Ша-м дуьхьал вацара Iаьрбийн, оьрсийн, ингалсан а меттанашна, боху автора, амма, Iарбийниг, оьрсийниг а дена бина а болуш, къоталгIа бина бацар-кха нохчийн мотт а. ("Нохчийн мотт".)
 "Юха а маттах лаьцна" миниатюрехь хабарш дийцарна тIера нохчийн мотт пачхьалкхан тIегIане баккха дан дезарг дуьйцу. "Массо а училищехь, техникумехь, институтехь а юкъадаккха нохчийн мотт, литература а хьехар. Нохчийн матте яха дукхаха йолу предметаш. ШолгIачу муьрехь, дешаран ерриг система а, пачхьалкхан урхалла а ерзае нохчийн матте. Нахана и (багахь бийцарал сов) дахарехь, ца хиъча ца волу агIо лелае Iедало - дерриг а дIанислур ду шуна. Нохчийн мотт беза,  бахарх тоьаш дац, кхайкхамаш барх гIуллакх нислур дац, и безийта хьелаш кхолла деза".
 И кхочуш дан вай, Iедалера дуьйна схьа, ерриг а юкъаралло къахьегча, нохчийн меттан проблема дIаер яра. Кхетаман болх бан беза пачхьалкхан чиновникашца, хьехархошца, дай-наношца, дешархошца, студенташца а. ХIора нохчочунна дIахаийта деза, вайн дахаран хьал толур ца хилар, вайн къоман Iилман мотт ца кхиабахь. Вешан къоман маттахь Iилма кхиъча бен, вайн мехкан Iилманчаш, экономика а кхьуьр яц, къоман экономкина тIетевжина кхуьуш ю къоман могашалла, культура а. Цхьацца гIулч йоккхуш, нохчийн матте дерзо деза дешар: хьалха 1-4 классашкахь, цул тIаьхьа 5-9 классашкахь, эххар а 10-11 классашкахь. Оцу балхо вайн таро хуьлуьйтур ю институташ, техникумаш, училищеш вешан матте ерзо.
 Цул нийса а, вайн кхетам хьала баккха а, вайн дахаран аьтто бан а кхин некъ бац.
 Дала оцу некъа довла, цуьнан халонаш лан, лаьцначу Iалашоне кхача а собар, хьуьнар, хьекъал а лойла вайн къомана.
 Тахана а тайп-тайпанчу газеташкахь заголовкаш карайо: "Оьший вайна нохчийн мотт?" - бохуш. Цу тайпа хаттар хIоттор а дац нийса. Иштта хаттар хила дезаш а дац. Телевиденехь хабарш дуьйцуш Iаш ду вай, болх дIаболочу меттана.
 Вешан маттахь Iилма кхиъча бен вайн экономика кхуьур яц. Экономика кхиъча бен дахаран хьал толуш дац. Экономико дахаран хьал тодича бен могашалла хир яц. Iилма, экономика, могашалла а хилча бен доьналла долуш интеллигенци хуьлийла дац. И дерриге а хилча бен политически маршо кхочуш яц цхьана а доккха, жима а къоме.
 Цунах вай тахана а ца кхетахь, вай хIаллак хила язделла къам ду. Вай лийр ду бохург дац иза адаман хIу а кхачийна. Адамийн тIаьхьенаш-м хир ю вай. Амма хир дац, къам ду бохучу кхетаман вастехь-м.

 24

 IУСМАНАН МАСАЛЦА - ЯЗДАРХОЙН ДАХАР

 Очеркан коьрта турпалхо Iусман велахь а Кацаев веккъа иза вийцина ца Iа. Iусман дийначу масална оьшу авторна. Вайн махкахь кхоллараллин адмашна хала хилар, церан кхиаран хьелаш дихкина, дуьхьалонаш йолуш, юкъараллина дош ца хеташ, тидаза дIатесна дуй хаийта.
 Кхечу очеркехь а карадо вайна:
 "Сискалх дузаза, соьмах Iабаза долчу вайн къомана, хIинца а мукъачу, бехар боцчу нехан гIуллакх хета культура, искусство, литература а". ("Балхахь".)
 Вайн культура дийна латточех шена къа хетар, дог лазар а хоуьйту яздархочо.
 Очерк язйина хан билгалйина елахь а (1992 шо), амма и дуккха а шерийн тидамийн бух тIехь гулйина, вовшахтоьхна материал ю. 
 Кацаевн кхоллараллехь Iусманан цIе дуьххьара "Автопортрет" дийцарехь карайо вайна. Шаьшшиъ Маркс, Энгельс санна хIора дийнахь а дуьненан проблемаш нисъян гIерташ валлар (шайга хIумма хоьттуш цхьа а вацахь а). Цу хенахь (1989 шо) юьртахь музей йилла гIерташ лелаш ву Iусман. Iедална шайгара йоцу инициатива, муьлхха а дIадолор цаэшар, советски бюрократин лабиринт а дика гайтина ю цу тIехь. Схьагарехь, цхьайолу миниатюраш цу хенахь дуьйна вовшах йиттина ю. Iусман санна хьекъал долуш нах дукха ца гина шена боху автора. "ХIуман хьесап чIогIа долуш ву и. Ширачу Грецехь вехаш велахьара, воккха философ лорур вара иза. Шен ладогIархой, философийн школа а хир яра цуьнан".
 Шатайпа амал жимчохь дуьйна кхиъна Iусманан. Лулара бераш ловзуш лелачу хенахь, хIара ручка, тетрадь а оьций хьуьнха воьдура. Адамашцачул а сов уьйр-марзо яра жимачу кIентан олхазаршца, акхарошца а. Муьлхха а поэт санна, воккха хилча а, нах санна ваха хууш вац Iусман.
 Очеркана юкъаялийна миниатюраш а ша башха жанр ю, беламе, кицанийн философи йолуш, кIорггера дустарш, гротескан кеп, афоризмийн ираллаш, самукъане забаршца ийна дахаран къаьхьа бакъдерш.
 Уьш дукхах ерш Iусманан леламех, аларех, цуьнан куц-сибатех йоьзна ю. Оцо а гойту цаьршиннан ойланаш цхьаьнайогIуш хилар. Юьхь-сибат хазачех дацахь а, дош говза олуш, тидам ира болуш, нийсо езаш, адамаша вовшийн сий дан лууш, харцонца къовсавелла, самукъне забарш йолуш, синхаамашкахь сиха, хьарамлонах ларлуш, дог цIена, оьзда, Дала деллачух тоам беш гайтина Iусман. Хьал-бахам бацахь а, вайна очеркехь вовзийтина Iусман, вехаш ву. ГIаравалар ца нисделлехь а, амма ша юьхьар лаьцначу некъах ца вухуш, похIмаллин кедара дахаран мутт муьйлуш, схьавогIу иза. Цуьнан цIе шуьйра евзаш яцахь а, йовза хьакъ доцуш ца йисна боху Кацаевс.
 Iусманан безаман лирика юьйцуш, далийна ду гIараваьллачу французийн яздархочун Анатоль Франсан дешнаш: "Поэташна юкъахь уггар диканаш а эгоисташ бу". ХIора поэтан кхолларалла а - цуьнан кхоллам бу бохург ду и. ХIораммо а шен синхIоттамца вогIург хоржу. Шена дика хета поэт массарна а хIунда ца веза бахар нийса дац.
 И деккъа Iусманан стихех аьлла дац. Хетарехь, Кацаевс ялориг шен кхоллараллех ца кхетачарна, уьш харц хилар чIагIдеш, кхин а цхьа аргумент ю. Цу тайпана юкъаялийна меттигаш цуьнан массо произведенехь бохург санна ю. ТIаьхьа богIу болчарна дика школа хир ю и.
 Баиевн поэзин кхачамбацарш а довзуьйту яздархочо: гуттар а цхьана-шина проблемина гонах хьийзар, шен говзалла лакхаяккхар тIехь болх ца бар, книгаш кIезиг ешар, сурт хIотторехь, васт схьаделларехь а оьшу гIирсаш караберзо ца хьажар, даима а цхьана дешнех пайдаэцар и дI.кх.а.
 Очерк ерзорехь Iусман шена пайденна воцуш, юкъараллин гIуллакхана хIайт-аьлла а, долийнарг чекхдаккхаза къарлур воцуш хилар го вайна. Iусманан къар ца валар бахьанехь боьгIна Оьздангаллин кхерчахь Даймехкан тIамехь эгначарна хIоллам а. Иштта Куршлойн эвлара гIараваьллачу иллиалархочун Магомедов Султанан цIе тиллира цу кхерчана а. Ша арадаьккхина гIуллакх хьаькамаша тергал ца дича, нахана а бала ца кхаьчча, дуьне ма-дду вада ойла хьаьвза Iусманан.
 - Австрале гIур ву со, - олуш Iедал ду цуьнан.
 Йоза дIа а тесна полицехь болх бан а хьаьжна иза. Амма цигахь а ша лоьху низам, бакъо, догцIеналла а ца карийна цунна, нийсонна тIегIерташ нах а кIезиг хаабелла.
 Баккъал а, Кацаевс ма-яздарра, башхачу амало, дахарехь тIехIуьттучу киртигаша а вайн заманан Дон Кихотах тарво Iусман. Сервантесан турпалхо санна, Iусман а реальни дуьненахь вехаш воцуш, шен ойланийн, фантазийн дуьненахь вехаш стаг ву. Ткъа "баккъален" дуьненахь хьаьвддий-девддий лелачу адамашна, шайн когаш кIел хьийзачу IусмангIарах новкъарло а хуьлу, уьш хьоьшуш я тIехула буьйлуш лела дезарна...
 Iусманан цIе нарицательни ю ала мегар ду.
 Очеркан проблематика Баиев Iусманан Iер-дахаран, кхоллараллин а масал тIехь вайн махкарчу искусствон, культуран векалшна тIе тидам берзо гIертар ду, церан дахаран хьелаш хийца йиш йолчеран.
 Дешар, культура, медицина айинчул тIаьхьа бен, вайн экономика кхуьур ца хилар а гойту Кацаевс.

 25

 МИНИАТЮРИЙН КIОРГЕНАШ

 Вайн заманан литература кхиарца керла жанраш а яьржа нохчийн литературе. Иштта афоризмийн,реминисценцийн а жанр юкъаялийра Канташа (Ибрагимов Лема). И башха жанр ю. Йоццачу цхьана-шина предложених лаьттачу произведенино, шен барамал бIозза доккха маьIна чулоцу я дийна философин трактат язъялла материал ло.
 Дуьненан литературехь оцу жанран къеггина векалш бу Лабрюйер, Паскаль, Ларошфуко, Шамфор, Вовенарг, Монтень, Ницше, Шопенгауэр, Козьма Прутков, Ален...
 Канташах лаьцначу этюдехь Кацаевс ма-аллара: "Афоризмаш еккъа литература ларар а нийса дац. И жанр, схьагарехь, литературах, философих а цхьатерра екхаш, цхьабосса ший а лара мегар долуш ю. Лемин книга араяьллачул тIаьхьа къеггина гучуделира вайн дукхаха болчу яздархойн, Iилманчийн а къинхьегам эрна хилла хилар. Нохчийчохь философин декъехь 70 шарахь бина болх терзана цхьана агIор, Лемин книга вукху агIор йиллича, тIаьххьарчун йозалла сов ер яра. Хийла стаммий исбаьхьаллин книгаш ю нохчийн яздархойн, Лемин книгин цхьана агIон тIехь йолччул исбаьхьалла, маьIна а доцуш. Керлачу заман нохчийн философи, ца кхоьрруш ала мегар ду, йолало "Зерийн тидарш" тIера".
 Миниатюрийн жанр (наггахь шен философски маьIница притче кхочучу) нохчийн литературе юкъаялийра Кацаев Сайд-Хьасана. Дуьххьара "Орга" альманахехь, "Васт", "Даймохк" газеташкахь а зорбане ехира цо уьш. Аьхкаш аьлла цIе тиллар, хетарехь, лехамашкахь хилар дара. ХIора "аьхк" цхьа кийсиг бен яцахь а, дахаран цхьа агIо йоьллуш, ойлане воккхуш, шена чохь ира тидам, идейни, философски а чулацам, кIорггера маьIна а долуш яра. Схьагарехь, аьхкаш бохург (кибирчигийн аьхкаш) миниатюрийн жанран нохчийн маттахь цIе лехар ду. Дийцар, повесть, роман а кибирчигаш, миниатюраш - аьхкаш... Амма жанран билгало лехарал сов, и мур кхоллараллехь а лехамаш бара. Керла некъаш, керла сюжеташ, васташ, керла кеп...
 Кацаевс шен шолгIачу книги тIехь вайна йовзийтина миниатюраш дахаран массо а агIоне кхийдаш ю. Амма шайн тематикица, айинчу проблемашка а хьаьжча, пхи-ялх декъе екъалуш ю: яздархойн дахарх, вайн къоман литература кхиарехь хуьлучу дуьхьалонех а; нохчийн гIиллакх-оьздангаллина хиллачу, хуьлуш лаьттачу эшамех; къоман ледарчу социально-политически хьолах, цуьнца доьзна адамийн хьераллех, гIалатех, зуламех; цу юккъехула хIуъу хилла латтахь а, къоман синмогашаллин забарех, зударийн дахаран статусехь хиллачу хийцамех, цаьрца доьзна вайна юкъара дегазлонех а.
 Зударийн темех хьакхалучу миниатюрах цхьаъ "КIохцалш" эриг ю, эрмалойн яздархочун Гурунц Леонидан "Карабахиийн мальва" произведенино шен кхоллаялийтина ойланаш юьйцуш.
 Хьораман зезаг доккхуш, цуьнан дIаьвшечу кIохцалша шен куьйгаш къовзош дагийча, цу зезаге (оьрсаша мальва олу цу зезагах): "ХIунда къастийна ахь, хIунда веза хьуна иштаниг? (Оццул ира кIохцалш долу ораматан генаш боху маьIна ду цу хаттарехь.) Мархаллуш лаьттачу зезаго жоп луш санна хета: "Цуьнан кIохцалш долу дела. Цара со ларйо дела, сан сий дайа гIертачех…"
 Кацаевна оцу могIанаша дага бахкийтина нохчийн мехкарий. Россис Кавказан колонизаци йолийчхьана вайн къоман а, мехкарийн а "кIохцалш" а хилла, эзар шерашкахь лаьттина Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ кегдеш схьайогIу зама.  "ХIинца-м хьаъа а тIе куьг хьо зезагна (мехкаршна бохучу маьIнехь кхето деза иза дешархочо), эвххьаза, куьг дагорна а ца кхоьруш… Цо заз а хоьцу...
 Мел къаьхьа сарказм, мел къегина аллегори ю оцу моганашкахь! Кху махках а, кху халкъах а ша жоьпалла хетачу къонахчун багийначу кийрахь сецна беза мохь бу оцу могIанашкахь. Мехкан зезагаш (мехкарий) лардеш хилла гIиллакх-оьздангалла "ширачух буха дисина дахаран буржалш, гIоьмаш а ю", бохуш, лебеш, схьадахкаро вайна бина "пайда" таханлерчу денойн хьал ду.
 Кечбала хаарца, хьекъале хетарца, куцдолуш а бу вай мехкарий, боху Кацаевс, амма оццул башха болу уьш, сих-сиха маренах бохар нисло. Цунна хIун бахьана ду те? Божарийн кхачамбацар ду те?
 Зуда ялаяр, маре яхар а деккъа "моз даар" дац.  Зудчун дукъ тIе лаьцна, доьзалан, хIусаман нана еза хIоранна а. И дукъ тIе эца кийча бац вайн дукхах болу мехкарий. ("Кхачамбацар".)
 Вайн Iалашо яц хIора а миниатюрина тафсир дан, цундела Кацаевс хьахийначу проблемийн хIора тобанера (блокера) шишша-кхокха произведенеш тIехь тидам сацор бу вай.
 ШолгIа тема миниатюрашкахь яздархойх ю. Царна чохь хIокху шолгIачу книгин берриге а чулацамехь санна, и проблема а чIогIа сагатдеш ю авторан.
 Кацаевна къахета шен "йозан вежарех". Уьш,  наха шай мел пусар цадахь а, хIетте а Сизифан къахьоьгуш бу. ("ПохIма", "НеIалт", "Хьалха а, хIинца а").
 Оцу лазаман ноти тIехь ю ерриге а бохург санна, яздархойн къинхьегамах, литература кхиаран халонех а юьзна миниатюраш. Амма ца хьахош юьтийла дац "Эзар бахьана". "Яздархо хила атта дац. Къаьсттина нохчийн яздархочунна дуьхьал эзар бахьана ду иза юхаваккха, ша лелочух вохо, галваккха а, ванах, эрна ду-кх  ас мел лелориг а, аьлла хетийта. Книгашна, йозанашна а тIехь ойланаш лаьттинчу шерашна дохко ваккха. Яздархо хила деккъа цхьа похIма, говзалла кIезиг ю. Яздархо хила стогалла, майралла а оьшу. Уггар  мехал дерг - личность хилар. Диснарг дерриг а цунна гонах ду". Хьан оьздангаллин мехаллаш гуш хир ю хьан произведенешкахь. Амма наха юхург тIеюха а, церан санна даа-мала а, кисанахь сом, чуваха чоь, дика-вуо дерзо, нехан санна керт-ков, ахчанца таро-м хир яц. Яздархочо церан гIайгIа а ца йо. Уьш, цуьнга хаьттича, хан яйа оьшуш хIумнаш дац. Амма, уьш ца лийрича, "шениг" бен кхин дуьне ца гуш, я кIелвисча, хьажа стаг воцуш вуьсу, я маларх воьлла хила веза. Масане ду и бахьанаш яздархо вохо? "Со кхаьрдаш вац царах. Шайн кхачамбацаршца, ледарлонашца суна дукха безаш, сан уьйр йолуш нах бу уьш. Церан дахар нис ца даларна юкъаралла бехке йо ас".
 Хала хир ду вай литературехь яздархочун кхолламах оццул бакъдерг каро: "Хьо Бадуев СаIид санна, похIма долуш велахь, нахана а ца веза хьо. Кхерамаш туьйсу, вуьйр ву, воккхур ву бохуш. Я Iедало хIаллакво. Ошаев Халид я Гадаев Мохьмад санна, доьналла долуш велахь - набахтехь вахкаво. Муталибов Зайнди санна, тIамехь чахчийна велахь а, Iедалан бюрократин системо хьийзаво... Иштта схьа бу хIинццалц яздархочун кхоллам. Суна ца хаьа, вежарий бацахьара, айса хIун лелор дара а. Тахана-м къона, могуш а ву со. Амма Iедалх, нахах а тешна кIел ма вуьсийла-кх цхьа а!" ("Эзар бахьана".)
 Оьрсаша "исповедь" (шен дагара цIенна долуш долу хьал схьадийцар) олу ишттачу кийра бассорах.
 Кацаевс лечкъадац, хаздац, шарам бац долчу хьолана. Къаьхьа, стимал къаьхьа бакъдерг.
 Вевзаш волчу яздархочо Ибрагимов Лоьмас (Канташ) хIоттош долу: "Гений хила йиш юй те нохчийн яздархо?" бохучу хаттаран, иштта хьесап до Кацаевс: "Вайн къомана хуур дуй те шех гений ваьлча?" Яздархочун похIма дац дуьйцург. Халкъан лахара, бодане кхетам бу. Нохчех вер вуй те гениальни яздархо? Кхиъна даьлла къам дуй те вай? - бохург ду и. ("Гений".)
 Вайна, шен хенахь Абузара ма-яздарра, вай тоьллачу къонахийн кешнаш мичхьа ду а ца хаьа...
 Яздархочун боккхачу тидамехь ю вайн оьздангаллин мехаллаш. Цунах лаьцна дуьйцучу миниатюрашна тIехула тидамца баьрг кхарстийча, цара гойту вай де-дийне мел долу пайдабоцчу, кIадбоцчу довлуш, талхаран Iинах чукерчина доьлхуш хилар. Дуьхьалонах мел хьакхало гIиллакхех къаьсташ, цара хьулйина лаьттина цIарматлонаш, иэхье меженаш а ерзина а йовлуш. "ТIус" миниатюрин турпалхочо (корреспондент-коммунист) ца лов шена "Дела реза хуьлда" алар. Партехь вуй а хууш волчу шена и аларна оьгIаз а вахана, веанчуьнга мохь туху цо: "Собар дел цкъа. Суна кхин цкъа а Дела реза хуьлда ма алалахь".
 Цу пекъарна (корреспондентана) ца хаьа, ша нохчийн маттахь олуш долу "баркалла" а, оьрсийн меттан "спасибо" юкъахь а Делан цIе хилар. "Баркалла - Дала къинхетам бойла (Iаьрбийн маттахь). Спасибо - спаси бог (оьрсийн). "Шампански" достуш газаша ирхкхуссучу тIуьсах тера хета оцу тайпана нах Кацаевна. Юкъараллехь шаьш далаьцначу меттигна хьакъ бац уьш. Амма, дукха бай хиларна, газаша (билггалчу службаша) хьалабоху уьш... оьздангаллица шайна ца богIучу метте. Дахарехь кхин къонахаллица къаьстина меттиг яцахь а, шайн дайшна муьтIахь нах бу уьш. Тешаме жIаьлеш.
 "Муш - беха, дош - доца" принципца яздина-м Кацаевн дерриг а дийцарш ду. Амма доца аьллачу дешан говзалла, философин кIорге а миниатюрашкахь го вайна.
 Тахана Диккенсан, Достоевскийн, Дюман санна похIма долуш яздархо ваьлча а, цунна хала хир дара шен дешархо каро. Iилман-технически революцино шен декхарш эгадо яздархошна тIе а. Таханлера дуьне - компьютеран, кеман, мобильникан дуьне ду. Дахар хахкаделла доьду. Адам даха сиха ду. ХVIII-ХIХ бIешерашкахь книга ешар - кIеззигчу хазахетарех цхьаъ ду дуккха а нехан. Доьзалийн, доттIагийн а гонехь, я шайн ойланашца шаьш бисина, бешахь, хьомечу турпалхошца цхьаьна. ТIаьхье хир ю бохуш, дакъошкахь газеташкахь, журналашкахь а романаш зорбане юьйлуш. Вайн заманан адамийн - книга - дуккха а хазахетарех цхьаъ бен дац. ХIунда яздан деза тахана доцца? Цунах лаьцна Кацаевн ойланаш хьалха а карайора вайна: яздархой миллионаш бу, дешархо цхьаъ бен вац. Цундела кхоо веза иза, кхоо еза цуьнан хан...
 Ткъа хIунда йоьшу наха тахана а "кибирчигаш"?
 Уьш шайн заман билгалонаш ю.
 Афоризмаш, притчаш, миниатюраш Библи тIера, КъорIан тIера схьайогIуш ю.Эзар шерашкахь шир ца луш. Делан дош ду и.
 Дуьне доххалц пайда оьцуш лаьттар ду Сулима пайхамаран (Дела реза хийла цунна) аларш, Мохьаммад пайхамаран (Делан салам-маршалла хийла цунна) хьадисаш а...
 Дика аьлла афоризм, далийна кица, язйина притча, миниатюра бIешерашкахь яха тарло, яккхий романаш йицъелча а.
 Миниатюраш, шен, кхечеран а кхоллараллех йолу ойланаш а яздархочо дукха хьолахь гIеметта хIоьттича язйо. Дуьненна тIехь а романист, драматург санна гIараваьлла вара Сомерсет Моэм "ЖамIаш деш" язъечу хенахь. Акутагава Рюноскэ а новеллаша цIе йина, шен дахаран, кхоллараллин а чудузаре кхаьчна вара. Иштта Юрий Олешин "Цхьа де а могIа ца язбеш", Юрий Бондаревн "МIаьргонаш" а (Кацаевн кхоллараллина герга йолу дела йоху вай и цIерш) жамIаш а, язъянза йисарна кхоьруш йолу произведенеш а яра... Ткъа Кацаев волалушшехь воьлла хьесапаш дан. Хетарехь, наха санна дийцарш яздечу меттана, жамIаш, хьесапаш а дан волар - яздархочунна йина дуьхьалонаш бахьанехь ду. Цо шатайпа атмосфера, колорит еана цуьнан кхолларалле, кхиар сихдина. Кхолларалло гечо тоьхна. Нисса дIа ца дахало хи - го тосий доьду шен Iалашоне. Мопассан, Чехов, Бунин а санна, исбаьхьаллин произведенеш язъян Iемаш волчу цунах, Герцен санна, бакъдолчун илланча хилла. Нагахь Герцен яханчу хенан историк хиллехь, Кацаев йоьдучу хенан теш вара. Исбаьхьаллин метта публицистика, карара истори, философи, литературах (яздархойх, церан кхоллараллех а)  йолу ойланаш дIахIуьтту. Цу тIехь доккха накъосталла до цунна А.Моруан, А.Николюкинан, А.Пузиковн, Я.Парандовскийн, Г.Злобинан, Б.Грибановн, Я.Засурскийн, А.Зверевн, кхечеран а белхаша. Бакъволчу цхьана а яздархочунна, цхьана а юкъараллехь ца хилла атта, тешийра иза церан книгаша, теорин герз делира кхуьнан кара. Шен дахаран маьIна книгаш язъярехь гора Кацаевна. "Сайна доккха хIума хеташ деpг, нахана хIумма доцуpг хета ца лаьа суна. Цундела йоьшуpа ас исбаьхьаллин литеpатуpа, кpитически белхаш, литеpатуpоведени а. Нагахь санна, суна еш йолу кpитика туp делахь, хааpийн "бpоня" яpа суна тIехь хила езаш". ("Автопортрет".) Иштта бен чекхвалалур вацара цу заманахь бакъдерг дукха къегина дуьйцуш волу яздархо.
 Тахана и идеологи йоьхна. Ахча хилчахьана шена луъург язъян, арахеца а йиш ю хьеннан а. Кацаевна кхиаран мур уггар а халчу хенахь бара.
 Дахаран халонашка, идейни оппоненташка а къар ца велира къона яздархо. Университет а яьккхина, циггахь нохчийн кафедран хьехархо, къона, могуш а волуш, уггар а книгаш язйо хан яра цуьнан. Амма цкъа йоьхна Iана яхара пачхьалкх (цхьана а республикехь дацара и Нохчийчохь санна чIогIа хаалуш). Юха Россих дIа а къаьстина, пачхьалкх кхуллуш ду вай, бохуш, Iилма, дешар, йоза а дIатесна лийлира. Дерриг а хьан дахар лаьтташ хилларг тIекIел даьккхина. Юха тIом белира. И дIа а бирзина, адамна чу са дан а кхиале, юха а тIом белира... Оцу хиламаша дIадаьхьира яздархочун дахарехь хуьлуш долу уггар а кхиаме, беркате шераш... Яздархочо "бодане шераш" аьлла долу.
 Цундела оцу хIора миниатюрехь (нахана юучун, молучун, ахчана бен цхьана а хIуман бала боцчу хенахь, сихаллехь язйина йолу) язданза дисина дийцар ду, роман ю.
 Я, кхечу кепара аьлча, цуьнан кхоллараллин мозаика цхьаьнатоьхча - роман ю.
 Мила ву цу романан коьрта турпалхо?
 Нагахь санна цхьа стаг билгал ваккха дагIахь - иза ша автор ву. "Яздархочул чIогIа шех лаьцна яздан хьакъ долуш кхин мила ву? Шел дика кхин мила вевза яздархочунна? Шех лаьцна дийца хIумма доцчо бен, яздой те кхечарах лаьцна?" ("Автопортрет".)
 Шуьйрачу маьIнехь, Л.Толстойн дешнашца аьлча, произведенин коьрта турпалхо - бакъдерг ду.
 Амма... "Бакъдерг дийцарх гIуллакх ца хуьлу, пуьташ ца боьттича киснара ахча а кхачадо". ("Философи".) Цундела цIена ву турпалхо, "тIехь, кисанахь а". ("Дика болх".)
 Оцу масалша гойту вайн дерриг а гIиллакхаш ахчане доьрзуш хилар.
 Ара даьлла дукха лелла вайн къам советски заманахь: белхаш беш, армех, Сибрех а. Цигахь девзина кхечу къаьмнийн гIиллакхех диканиг схьаоьцучу меттана, цIабоьрзуш уггар а дастамениг вайна чудеана. Цигахь Iеминарг цIахь а мага деза моьттуш лела. ("Эскарехь, цIахь а".)
 Нохчаша ша веха хIусам, керт цIена латтаяхь а, амма цул арахьа хIуъу хилча а шек ца бовлу. КетIе, некъ, эвлайист, подъезд, цIийнан маьIиг... Иза а вайн заманан цамгар ю. Дицдан ца деза вай массеран а цIа Нохчийчоь хилар. Чеховс ма-аллара, "хIораммо а ша веха меттиг тойича, ма хаза хир дара вайн дуьне!"- боху Кацаевс. ("КIеззигчунна тIера долало доккханиг а".)
 "Принцип" миниатюрехь авторо гойту Нохчийчохь мел Iедалш хийцадаларх, куьйгаллин балха нах дIахIитторан принцип хийца ца ялар. Коьртаниг хьекъал, тешам бац, гергарло, ахча а ду.
 "Цкъа а хьайн пусар ца динарш, ма герга оьзна хьаьсти-кх ахь, Даймохк. Даима хьайн сий лардинарш, мер бераш санна, ма херди-кх ахь..." ("Даймохк-нана".)
 "Вай юкъаралла цомгаш ю. Куьйгалле кхийдаш волчу, дарж дезаш мел волчу стаге, уггар хьалха, лоьраш хьовсуьйтур бара ас". ("Адамийн психологи".)
 "ХIора а ша-шен лорручул ларахьара наха а, ма лаккхара мах хадор бара вай вовшийн!" ("Стеган мах".)
 "Цхьаболчарна - Даймохк, вукхарна - гаймохк". ("Нохчийчоь".)
 "Веллачу стеган сий дан атта ду, дийначун пусар дан хала ду. Цундела лору классикаш, ца беза шен заманхой". ("Сий-пусар".)
 Уггар чIогIа Iеткъа Кацаевна адамаш вовшех ца кхеташ, вовшашна луьйш, кIел когаш туьйсуш, ямартлонаш еш, вовшийн дууш, хIаллакдеш дахкар. Ткъа дахаран Iалашо вайна Дала шен сийлахьчу КъорIан чохь билгалйинарг: вовшийн дезар, марзо эцар, къинхетам хилар, дашар, ларар яра. Вайна тIехь лаьтташ долчу зуламийн орам вай вовшех ца дашар, мостагIашка Iеха а дайтина, халкъ декъаделла хилар а ду: ламарой, теркахой, суьйлий, аьккхий, маьлхий, нохчмахкой... ("Дахаран Iалашо").
 Декъаран политика ю дIайоьдуш. Цхьана куьйгахь шед, вукху куьйгахь пираьнга.
 "Iаьрбийн махкара вайнаха Нохчийчоь, ГIалгIайчоь а ца олу. ДегIаста! И нийса а ду. ХIара ерриг а ДегIаста ю. Цхьаъ бу вайн Даймохк. Вай дерриш а цхьаъ ду". ("ЦIерага маре яхар".)
 Амма мел бартбоьхна, хала мур барах нохчийн къам забарх къаьстина, са декъа беламе хабарш юкъара дIадевлла зама ца хилла цкъа а. ("Географи", "Памятник", "Чай, классика а", "Бахам", "Пьармат", "Американски ракеташ", "Къаналла", кхиерш а.)
 Жимма а мехкан, къоман а бала болуш, тIейогIучу хенан, дахаран а ойла еш болчарна тидаме эца, Iама а дуккха пайденна, хьекъале а хIума карор ду Кацаевн миниатюрашкахь.

 26

 БIАЬСТЕНЕ САТАСАР

 Лерина таллам беш бIаьрг тоьхча, Кацаевн шолгIачу книгин агIонаш тIе, вайна гучудолу авторан вастехь, иза вайн Нохчийчоьнан дахарехь дешар, культура, къаьсттина яздархой кхиарехь (зорбане бахарехь, церан дахаран хьал тодарехь, цаьрга лерам совбаккхарехь) шена зеделларг, хетарг, хила дезарг далхош, къоман кхетам лакхабаккхаран, экономика когахIоттаран, вайн къам могуш а, мегаш а дуьненчохь дIанисдаларан бала кхаьчна, шен ницкъ ма-кхоччу къахьоьгуш, халкъана, махкана а пайденна волуш схьавогIуш стаг хилар.
 Амма зама - кегаренаш дукха йолуш, зуламаш даьржина, адамаш оьгIазлонах дуьзна, къинхетам, тIалам бедда, гергарлонаш хедда, дийнанаш беллачех хьоьгуш, Iаьнан чилланан гIуро Iалам хьаьшна охьатаIийна хилча - юха денлур дуй те аьлла, хеташ еана.
 Оцу юккъехула Кацаевс тешам, дегайовхо а кхуллу шен произведенешца, вай нисдаларе барте а кхийдаш. Иза теша тIекхуьучу тIаьхьено шен произведенийн хьехамаш тIе а оьцуш, хьалхарчара дина гIалаташ дIа а дохуш, вайна гина халонаш юха тIехIуьттун йолу хьелаш ца нисдолуьйтуш, дахаран урх шайн беркатечу, машаречу, комаьршачу кара лоцург хиларх.

 27

 ДАХАРАН IА ДАХЛУР ДАЦ. НОХЧИЙЧОХЬ А ЕР Ю БIАЬСТЕ
 Кацаевн произведенеша, Iай кхеттачу малхо санна, дегайовхо луш, хьоьсту вай, чилла кестта бIаьстене йоьрзур хиларх дегайовхо кховдош.
 Малх - Iай а малх бу, цо самукъа доккху, серло, йовхо а ло, гIура яшайо, гучуйоху лаьттан Iаьржа хьоькхнаш, лайзезагаш гIовттош, бIаьстенан сурт кхуллу малхабасешкахь...
 И дерриге а чулоцуш, ала догIу, Кацаев Сайд-Хьасанан хьалхара ши книга Нохчийчохь дахаран Iа чIагIделча кхетта малх бу вайн литературехь.
 Цу шерийн замане хьаьжжина, дуьхьал мархаш латтарна, йовхо хецца луш яцахь а, дийно-дийно вайн дахарна герга хуьлуш, лелхор ю дахарера Iаьнан хьуьнаш (тIом, хьагI-гамо, цIарматлонаш, сонталла); кхетаман, машаран, доттагIаллин, безаман бIаьсте йолуьйтур ю.
 Кхераме яц яздархочун произведенеш.
 Кхераме ду яздархочо дуьйцург тергал ца дар, маьIна ца деш тесна дитар а.
 Кхераме ду къам бодане хилар. Кхераме ду шен ненан мотт бицбар. Кхераме ду нохчийн гIиллакхаш дицдар. Кхераме ду зударийн дола цадар. Кхераме ду кIиллой Iедале битар. Кхераме ду яздархочунна некъ бехкар. Кхераме ду шен маттахь Iилма цахилар. Кхераме ду доьзал шайн лаамехь битар. Кхераме ду маларш мийлар, корта бахош, кхетам талхош долу мехий, наркотикаш лелор. Кхераме ду кегийрхой дуьненан синкъерамна тIаьхьабевлла лелар. Кхераме ду буо-берийн, гIийлачеран, мискачеран, цомгашчеран, къанбеллачеран терго ца яр. Кхераме ду эскарехь низам талхар. Кхераме ду къаьмнашна юкъа питанаш тийсар, къам декъар. Кхераме ду хьехархошкахь Iилма ца хилар, лоьрашкара къинхетам бар а. Кхераме ду молланаша Делан дош соьмах дохкар. Кхераме ду хьаькамашна шаьш Делан велий ду моттар. Кхераме ду дешначу стеган, къонахчун а сий ца дар. Кхераме ду Iедалан гIуллакхехь болчара нийсо ца яр, нахера кхаьънаш эцар, нехан хьакъ дIа ца далар. Кхераме ду харцонан новкъахь волчунна тIаьхьахIоттар...
 ЦIеххьана бодашкахь леттачу прожекторо санна, и дерриг а "серладаьккхина" Кацаев Сайд-Хьасанан кхолларалло.
 Буьйсана бен са а ца гуш, дийнан серлонах кхоьруш, хьуьнхахь диттан га тIе хиъна бухIа санна, бодашкахь Iаш йолчу юкъараллина цундела хийтира и книгаш кхераме. Амма къар ца валар бахьанехь, цIийш, хьацарш дIа а хьоькхуш, Сизифан къахоьгуш воллучу яздархочо шолгIа лакхе йоккху.
 Сайн Iалашоне кхаьчна лорур ву ас со а, нагахь санна дешархочунна, ша муьлххачу а авторан произведени йоьшуш, стенна тIехь тидам сацо беза а, шегара мел кIорге кхевдина ойлаяр оьшу а, яздархочо муьлха Iалашоне кхойкху а къасто аьтто беш сан йоза хиллехь. И дан сан ницкъ ца кхаьчнехь, ас лелийнарг шех пайда оьцун болчу дешархошка хьоьжуш Iуьллур ду.