Зайрбек Хамерзаев. Олимпе некъ

Саид-Хасан Кацаев
(С.-Хь. Кацаевн кхоллараллехь гIиллакх-оьздангаллин проблема)

 ДЕШАРХОЧУЬНГА

 Суна хьалха ю Кацаев Сайд-Хьасанан йиъ книга: "Iаьнан суьйре", "Яздархочун школа", "Бодашкахь", "Молла Эсартах лаьцна дийцарш", тIаьххьарчу шерашкахь меттигерчу периодикехь арадийлина дийцарш, статьяш, очеркаш а.
 Хьалхара ши книга нохчийн литературица гергарло долчарна йовза декхар дара 1997-98 шерашкахь, амма тIамо хьере бина лелачу нохчашна юкъахь уьш ешнарш дукха хир бац. Синош довдийна лелаш дара вай цу хенахь.
 Вайн къоман дихкинчу хIуманна (Дала дихкинехь а, Iедало я юкъаралло) сутара тIегIерташ, маьршаниг тосий дуьтуш амал ю. Изза ду исбаьхьаллин литература ешарехь а, школехь, институтехь, кхечу Iилманан заведенешкахь дешарехь а.
 Советан Iедало дуьненна гергахь, цIархазмана делахь а, юккъера дешар чекх ца даьккхича ца дуьтура адам. Цундела вайн къоман а, цхьадерг ца девллачу денна, литературица мелла гергарло дара. Амма социалистически реализман литературан Iалашо яра вайх "инкубаторни" кIорнеш санна, дин а, къам а, мотт а, мохк а, гIиллакх-оьздангалла а доцуш советски тайпана адмаш-манкурташ, адмаш-зомбеш дан. Соцреализман кепа тоьхна вайн нохчийн яздархоша язйинчу произведенех (и яздархойн бехк бац) баьлла "пайда" а вай тахана гуш ду. Цара емал дина дин, Iадат, гIиллакхаш дIадовлуш, дайна а, диснарш малделча вайна юкъахь кхиъначу "советски чкъуро" вайн къоме хIоттийна къиза хьал вай ловш схьадаьхкина.
 Таханлера хьал вайн къоме хIуттур дацара вай шен хенахь къоман юьхь а, яхь а, къилба а хилла лаьттинчу эвлаяийн тIаьхьенех болчаьрга а, бусалба дин, дуьненан Iилма а хууш болчаьрга а, вайн яздархошка а ладугIуш, дагадовлуш а хиллехь. Эвлаяийн тIаьхьенаша, халкъан яздархочо Айдамиров Абузара, кхечара а тIамах, урх йоцчу хьайренах вай лардеш, зорбанехь кхайкхийра вайна хуьлуш дерг. Амма цара яздинарг доьшуш кIезиг бара, цунах кхета гIертарш кхин а кIезиг.
 Нохчийчохь Кацаев Сайд-Хьасанан цIе йовза йолаелира 80-чу шерийн чаккхенехь, коллективни гуларшкахь цуьнан дийцаршна зорба тоьхча. Уьш студент волуш яздина дийцарш дара. Шен турпалхочун Алихаджиев Эльбрусан цIарах.
 Дуккха а цIераш йолчу гуларшна юкъахь а шайна тIе къаьсттина тидам бохуьйтуш дара уьш: дийцарийн кепаца, айинчу темица, даьккхина сурт санна, дерриг а дукха дерзина гайтарца а.
 Цул тIаьхьа Кацаевн дийцарш шен цIарца зорбане дуьйлура "Даймохк", "Васт", "Зама" газеташкахь, "Орга" альманахехь а. Амма наггахь дийцар зорбане даларх кхачо ца хуьлура яздархочунна. Цуьнан сюжеташ тIех Iенаш яра. Атта, сиха а язлуш мур бара и цуьнан дахарехь. Тахана санна арадолуш литературни диъ журнал а дацара хIетахь. Кхаа баттахь цкъа арайолуш цхьа декъаза альманах яра. И, Кацаевс ма-аллара, редколлегехь болчарна тоъал яцара. Редколлеги хIунда юьйцу, яздархо ву ша бохучу цхьана стагана тоъал яц и.
 "Нохчийн маттахь цкъа а дацара книга арахеца атта. ТIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина халчу даьлла и. Цхьа журнал бен дац нохчийн маттахь арадолуш. Амма и доьшуш, цуьнца бала болуш а вац стаг. Бальзак я Д. Лондон санна энерги йолуш яздархо нохчех ваьлча, иза дог иккхина лийр вара, шен хьалхара книга ара ца йолуш".  ("Нохчийн яздархо".)
 Оцо а гойту Iедало, юкъаралло а хIинццалц литературана, культурана а йинчу тергонан барам. Литература кхиа юьтуш йоцу дела, вайн дахарехь хуьлуш лаьттачунна сема дацара вай...
 1986-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан кхо курс дIаяьлча, могуш воцуш а хилла, заочно вала дийзира цуьнан. Масех шарахь школехь болх бира. Диплом схьаэцча иза балха кхайкхира нохчийн историн, меттан, литературан а Iилман-талламан институте. Эскарехь гIуллакх динчул тIаьхьа белхаш бира "Даймохк" газетехь, университетан нохчийн литературан кафедрехь а.
 Къоначу яздархочунна хала дара зорбане вала. Официальни идеологин хьежамаш а, редакцин, яздархочун лехамаш а тайп-тайпана бара. Яздан дуккха а ницкъ бара. Амма шарахь цкъа арайолу коллективни гулар, кварталехь цкъа йолу альманах а кIезиг яра яздархочунна. Нохчийн маттахь цхьаъ бен доцу "Даймохк" а юкъараллин-политически газет дара. Иштта кхоллаелла яра нохчийн литературни "Васт" газетан идея а.
 Амма доьхначу Iедало, шоззе тIебеанчу тIамо а дуккха шерашна юхатуьйхира кхоллараллин кхиар. Къоналлин шераш. ПохIма уггар а кхиина даьлла, дегIехь ницкъ болуш, ойла маьрша йолуш шераш дара уьш. Яздан, я яздинарг зорбане яккха а таро йоцуш. "Яздархочун кхиар - книгаш арайийларе хьаьжжина хуьлуш ду". ("Iаьнан суьйре", Дешхьалхе.)
 Шина тIама юкъахь жима ши книга арахеца кхиира Кацаев. Царна юкъа яхара авторо 1984-1993 шерашкахь язйинчу произведенех цхьаерш. Суна схьахетарехь, цо шен хоржах арахецна яра уьш цхьацца эзар экземплярехь.
 "Бусалба пачхьалкх" еш ду бохуш, хилларг отуш, йохош, къоланаш, талораш а дIахьош мур бара иза.
 Пачхьалкхан балхахь болчу нахе алап, пенси а хьехадойтуш дацара.
 - Вайн ворхIе да а ца Iийна пенси догIуш, алапа оьцуш, - бохуш. 
 Цу хенахь Кацаев Сайд-Хьасан хIетта кхоьллинчу Куршлойн районан дешаран декъан заведующи вара. Оцу халчу хьолехь, шен ма-хуьллу, школаш, школийн керташ, хьехархой а ларбан гIерташ воллуш...
 Книжни туьканаш а йоьхна дIаяхана, я наха дола яьхна кхин агIо лелош яра. Цундела книгаш йохка меттиг бацара, я книга оьцуш стаг вацара. Харж меттахIуттур ю бохург дуьйцучохь дацара. Ерриг бохург санна тираж дIасаекъа дийзира. 
 Цо яздинчун мах тайп-тайпанчу наха, шайн хьекъале, кхетаме, дог-ойлане хьаьжжина тайп-тайпана хадабахь а, ала деза, нохчийн а, советски а литературехь хIинццалц йихкина лаьттинчу темана а, дуьненан кхиболчу хьежамашца а оццул маьрша язйина книгаш лаха хала ду.

 1

 ШАЛХОНИЙН ЗАМА

 Бакъду, Кацаев С-Хь. дийцарш дуьххьара дешча: "Оццул дерзина бакъдерг дийцаро, вайн къоман оьздангаллина кор-неI доккхуш, эвхьазлонан, цIарматлонан, дIаьвшен синберкъалла яржорий те вайн махкахь?" - боху ойла кхоьллира юьхьанца сан а.
 Амма цу беркъаллин хIу, советски системо зуда-ламанхочунна эмансипаци елчахьана а, нохчийн къоман Iедалан элита хьаькамийн даржашка кхачийтичхьана а денделла кан баьккхина долуш дара. Ширачу Iадатех, динах а хаьдда, заманца нисбеллачу советски нохчийн "сирлачу кхетаман" гIиллакх хилла чIагIделла дахар дара и, "комсомольски" олуш долу тойнаш деш, къаьркъанца дика-вон а дерзош.
 Нохчийн зударий а, божарий а бовл-бовлуш зина тIе бовлар литературехь яздар, дийцар а иэхье, оьзда доцуш а хIума лорура, ткъа дахарехь и лелаш хиларна къора а, бIаьрзе а хила везара яздархо. Шалха юьхь, шалха ойла, шалха лелар - и дара цу хенахь гIиллакхехь. Нахалахь дика, цIена ша гайтар, нахана гучуьра ваьлча, шена ма-луъу, хьарам, къиза, цIармата. Иштта советски системица дIанисбеллачу нахана шайн сакхташ Iора дохуш, шаьш тийна бодашкахь къайлах лелош дерш гучудохуш веана яздархочун произведенеш езийла а дацара, мукъ шайн карахь мел бу цара уьш зорбане а йовлуьйтур яцара. Цара и дан а дора. ДIахIоттош волу редактор а керла произведени зорбане яккха хIоттош вац, и зорбане ца ялийта хIоттош ву, аьлла ойла кхоллалора. Оцу хенахь Iедалехь болчу хьаькамашна товш йоцу произведенеш зорбане йовлуш яцара. И вайна массарна а гина, ваьшна тIехь лайна а хIума ду.
 Кацаев Сайд-Хьасанан а, и санначийн а произведенеш шайн хенахь зорбане евллехь, цара дуьйцург схьалаца вай хьекъал а кхаьчнехь, къам мел даьлла а самадаьлла хир дара шен оьздангаллехь а, культурехь а, доьзалийн дахарехь а хуьлуш лаьттачунна.
 "Ас хIара дийцарш яздечу хенахь, иттех сов шо хьалха (хIинца ткъех сов - З.Х.) сан критикашна моьттура, кегий нах, сан дийцарш а дешна, шайн новккъа дIадоьлхучу зудаберашна тI****талур бу. Таханлера де гуш ду-кх вайна... Со тешна ву, тахана зударий идош, лечкъош, хьийзош берш, вочу балхана арабевлларш а, сан дийцарш а дешна лелаш бац бохучух. Царна деша а ца хаа. Я деша хуург а кхуьуш вац... Хуьлуш лаьттачун бахьанаш вайн дахарехь лаха деза вай". ("Iаьнан суьйре". Дешхьалхе.)
 Дуьйцуш цхьаъ долуш, лелош кхин хилар - шалха амал ю. Вайнехан оцу шалха амалх дика аьлла Сумбулатов Абузара: "Цхьаболчеран Iедал ду вайх долу сакхт, кхачамбацар цхьаммо Iора даьккхича цунна луьйш, вуо дош олуш. Амма хаа деза, дуьненахь хийла къоман хийла вуьззина кIант хилла, шен сил дукха шен халкъ а дезаш, цундела шен халкъан вуо дерг вуо ду а олуш. Бакъволчу патриота бакъдерг эр ду шен халкъе а, шен халкъах лаьцна нахе а. Хаза дешнаш бахарх, кирхьанаш дуьхьал охкарх хьуллур дац оьзда доцург. И хьулдан гIерта гIуллакх а дац. Гучудаккха деза, дIаохьа деза дуьненна, кхардам беш, аьшнаш деш, и шеца долчунна къахьдаллац". ("Даймохк", 1986 шо, №108. "Дайн гIиллакхаш - вайн хьал".)
 И дешнаш Кацаевн кхоллараллех лаьцна яздича санна ду.
 Къомана кхетта цамгар, хьу яздархочунна хьалха го. Хирурган санна, скальпельца и шен доцу дилха хадо йиш яцахь а, "рентгенан зIаьнарша санна, ун кхетта меттиг гучуйоккху цо. Лор верах дIайоьрзуш яц чов. Яздархо хIаллакварх, сийсазварх а дIа ца боьрзу къоман лазам. Дарбанаш ца лело цамгар дийно-дийно чIагIло". Амма, Кацаевс ма-аллара, вайн къоман кхетам кхиъна балаза бу, цундела цунна хьехарш деш, иза гIалатлонех лардан гIерташ верг - пайхамар, эвлаяъ, Iилманча, яздархо - чIогIа балехь, декъаза а хуьлу шех нах ца кхетарна, ша дуьйцург схьа ца лацарна. Къаьсттина, шен заманхойн кхетамал иза хьалхаваьллехь. Сизифан къахьега дезаш  хуьлу иза, мел халонаш дуьхьал нислахь а. Халла карчийна ломах хьала яьккхина тарх юха а чу карчарх, яздархочун къарвала бакъо яц. Массо адам а бакъонца, иманца а нисделла дехаш хилча, юха-юха пайхамарш, эвлаяаш а бохкуьйтур бацара Дала...

 2

 ЛИРИЧЕСКИ ТУРПАЛХОЧУН А, АВТОРАН А "СО"

 "Iаьнан суьйре" йолаяларан юьххьехь а гуш ду вайна, автор яздархочун декхарш дуьззина девзаш, тIелаьцна а, ша билгалйиначу Iалашонна, сих къастталц тIегIерташ некъ бийр болуш а хилар.
 Цунна коьртаниг книгин исбаьхьалла ца хета.
 "ХIора а дикачу книган мах, цо ша юьйцу зама нийса гайтаре терра, цу книги тIехь бакъдолчун бараме хьаьжжина хадабо. Иштта и ца хилча, хIун маьIна дара ерриг а классикан исбаьхьаллин?" ("Авторера".)
 Книгаш ешар, язъяр а цIийх доьлла стаг ву иза.
 Книгийн дикалла церан дукхаллийца юстуш яц, чулацамца юстуш ю. Бакъдерг яздарца. И авторан кредо ю. Цо студент волуш дуьйна яздинчу дийцаршна тIера тIеман дийцаршна, статьяшна а тIе кхаччалц. И ду цунах бакъволу яздархо винарг а.
 Кацаевн дерриг бохург санна дийцарш хьалхарчу юьхь цIарах яздина ду.
 "Со", "ас" бохуш яздар къоначу яздархочунна атта ду, "иза" бохучул. Дийцаран "тай" лардан. ХIунда аьлча, дерриг а хууш волчу авторан кепехь яздан фантази тоьъча а, зеделларг, дош карадерзар а кIеззиг ду къоначу авторан. Цундела "со" бохучу кепехь шена хуург бен ца яздан йиш ю, ца хуург Iад а дуьтуш. Авторна и хорма шера карайирзина хилар го дуккха а дийцаршкахь. Цхьадолчу дийцаршкахь "со" лирически турпалхо велахь а, кхечу дийцаршкахь (авторо лечкъа а ца до и) турпалхо ша автор ву.
 Шен йозанан хатI, кеп а кхоллаяларехь дуьненан литературан тоьллачу яздархойх Iемина Кацаев: Мопассан, Чехов, Бунин, О` Генри, Д.Лондон, Бабель, Шукшин...
 Лирически турпалхочун букъ тIехьа а ца лечкъаш, авторан васт майрра, шуьйра а юкъадалорца иза герга ву М. Горькийна а, цуьнан тоьллачу дийцаршкахь, очеркашкахь а ("Русехула" цикл, кхийолу а автобиографически произведенеш), иштта шен исбаьхьаллин лехамашкахь вайн заманхочунна Х.Л.Борхесна а.
 Амма эдан мегар дац литературни персонажан "со", авторан "со" а. Цунах лаьцна ша яздархочо дика аьлла: "Со", "ас" боху произведени, автора шех лаьцна язйина лору наха. Чеховн яздарш тIехь ду: "Калигулас шен говр хаийна Сенате. Со цу говрах схьаваьлла ву". И Чехов ву тIаккха, цу говрах схьаваьлларг?"
 Цундела цхьадолчу дийцаршкахь "со" бохург литературни хорма бен яц Кацаевн.
 Къеггина гуш ду и "Марха" цIе йолчу дийцарехь.

 3

 КХОЬЛАХОЙ МУЬЛШ БУ?

 "Марха" - "Студентан дийцарш" цикла юкъахь а доцуш, ша лаьтташ ду. Схьагарехь, авторан хьалхарчу зерех ду и. Монологан кепехь яздина и дийцар.
 "Вай милицино вай лардо" бохуш Iамош дара вай Советан заманахь, ткъа дахарехь гуш дерг бIостанехьа дара. Законо ма-бохху низам чIагIдечу меттана, и шаьш талхадора цара. Гуш лаьтташшехь Iедалан белхахоша лелош йолу шалхо, иза данне а доцуш санна, лела везаш вара массо а вахархо. Ша цхьаъ деш валлахь, царна йогIу ясакх дIа а луш.
 Дийцаран турпалхо Марха диъ бер кхобуш Iаш ю. Цуьнан цIийнада могуш воцуш ву я кхелхина аьлла дац дийцарехь. Шегара ахча даьккхинчу милцошка: "Хьо санна чудохьург вац сан. Велахьара со лелар яцара", - боху цо. Доьзал кхаба гIерташ, базарахь мах беш йолу ша лаца а лаьцна, шегара ахча даккха гIертачу милцойл а доьналла долуш зуда хилар а го иза. Церан ямартлонаш евзаш, кхул тIаьхьа шена тIе ма гIерта, ша мах бан йита, боху цо, я ша отделе кхойкхуш повесткаш а ма кхехьийта. "Деа бер тIера даьккхина пхийтта туьма ворхIазза мерах дер ду хьуна".
 Сайд-Хьасана шен турпалхойн дахар вичахьана дуьйна валлалц тергал ца до. Церан амалш юьйцуш дукха шекъа а ца дойу. Амалш адамийн леларехь, цара дуьйцучу къамелехь а гойту авторо. Кацаевн дийцарш - дахаран цхьа кийсиг ю. Дахаран цхьана мIаьргонехь схьалаьцна. Адам зуьйш, тIехIоьттина хала киртиг ю даима а авторна бала кхочург, цо гойтург а.
 Дийцаран цIе билгалон маьIна долуш ю.
 Марха - сийначу стиглахь сирла а хуьлу.
 Марха - догIана язъелча, Iаржъелла а хуьлу.
 Марха - Дала тIедиллинчу пхеа парзах цхьаъ ду.
 Марха - мах беш йолу зуда (спекулянтка!) яхь йолуш ю, ткъа советски милцой - кIиллой гайтина.
 Йиш ярий тIаккха оцу тайпана дийцарна Советан заманахь зорба тоха?
 - Москварчу "Литературни газето" ца дуьйцург, вай муха яздийр ду? - боху авторе литературни мэтрех цхьаъ волчу Яхъяев Лечас. ("Семинар".)
 "Марха" яздечу хенахь (1984 шо) авторан берхIитта шо ду.
 ГIараваьллачу американски яздархочо Уильям Фолкнера ма-аллара: художнико зулам цу зуламан дуьхьа гойтуш дац, цул толархьама ду.
 Кацаевн кхоллараллехь вайна го: дахарера зулам, боьха мел дерг, сий мел доцург а яздархочо деккъа и гайтархьама яздеш дац, адамашка и эшадайтархьама ду. И чIогIа коьрта ду Кацаевн кхидIа йолчу кхоллараллех а нийса кхета.
 Дикка тIаьхьа, ша кхиина ваьлла яздархо волуш, и мур иштта буьйцу яздархочо: "Ерриг а нохчийн литература, "боданечу гIиллакхех" къаьстина, кхуьуш схьавогIу нохчи гайтар Iалашо лаьцна яра. Нохчичун юххехь, заводехь я колхозехь, цунна кхетам луш, галваьллачохь нисвеш, тасавеллачохь куьг кховдош схьавогIуш, воккхаха волу ваша, оьрси а волуш. Дахарехь кхин социальни я натурийн гIайгIанаш йоцуш санна". ("Лехамаш".)
 "Марха" авторан дуьххьара зорбане даьлла дийцар дацахь а (и редакторех доьзна ду), кхоллараллин, исбаьхьаллаин а агIор боккха кхиам лара богIу. Цо и яздархочун цIарах а ца яздеш, турпалхочун цIарах дийцар. Цо аьтто бо авторан доцца яздан а, шен турпалхочун къамелаца, ойланашца а цуьнан, кхечу персонажийн а амалш йовзийта, дуьнене хьежам гайта а. Цул сов, оцу заманахь автор декхарийлахь вара иза спекулянтка ю аьлла емал ян а, и лаца а лаьцна закон толийтина Iедалан векалш сирлачу басаршкахь гайта а.
 Цундела къобал ца йо къоначу яздархочун кхолларалла цу Iедалан векалша: "Социалистически реализман законаша бакъо ца ло вайна уьш яздан. Милици, суд, прокуратура а сийсазъян йиш яц вайн. Царна критика яр Iедална хIума алар санна ду. Яздархочун декхар социалистически дахарехь вайна сирлачу кханене боьдучу некъана дуьхьал лаьттачуьнца къийсам латтабар ду". ("Семинар".)
 Иштта, кхоллараллин юьххьехь дуьйна некъ бихкира къоначу яздархочунна.
 "Дахарехь хуьлуш дерг я нислуш дерг литературехь  гайта аьлла дац. И шен законашца еха. И законаш ца хааро авторан сий ца ойу", - боху Ахмадов Мусас.  ("Семинар".)
 Амма яздархо юха ца велира. Цу идейни къовсамехь цунна гIортор хилла лаьттарг кхечу пачхьалкхийн литература, классикаш а бара. Церан книгийн масалша гойтура литература бохург хIун ду, яздархо мила ву, цуьнан декхарш муьлхурш ду а.
 Кхечу къаьмнийн литературана тIетевжина волчу къоначу яздархочунна хала дара. Нохчийн маттахь еша хьакъ долуш книгаш кIезиг яра, я уьш а карош яцара.  Дукхаха йолчу книгаш тIера авторан, турпалхойн а мотт чолхе, "а"-нех, "н"-нех тIехбуьзна, садоцуш бара.  ДIаязйина халкъан забар хилча а, мичахь велавала веза а ца хууш, яздархочун матто забар йолчура яьккхина карайора. Наха юкъахь лелаш болу нохчийн мотт бийца атта, ладогIа тамехь а бу. Цундела халкъан дийцарех Iемира Кацаев яздан. Уьш Iаламат доца хуьлура. Къамелан говзалла лаккхара яра халкъан. Ахь, атталгIа дешна а воцчу, муьлххачу а стаге, зудчуьнга а ладоьгIча, цара дечу къамелехь царна халахеттарг, хазахеттарг а гора, оцу стеган васт къеггина деллалора цо дуьйцучуьнца, лелочуьнца а.
 Цхьана агIор шен маттах бIо ца булуш, яздан Iемаш волчу яздархочунна дика тIетевжийла ю и, исбаьхьаллин агIор дика карийна хIума а ду.
 Достоевскийн дукхаха йолу произведенеш дерриг а хууш волчу авторан цIарах йоцуш, турпалхочун, я книги тIехь буьйцучу хиламийн теш хиллачун цIарах ю ("Кхиазхо", "ШайтIанаш", кхиерш а). Достоевскийн и лехаме метод схьаэцна, лакхене яьккхина Фолкнерс. Цуьнан ерриг а книгаш турпалхойн цIарах ю, цхьаболу хиламаш (кхузахь Акутагава Рюноскэн тIеIаткъам а хаало) тайп-тайпанчу нехан бIаьргашца юх-юха а буьйцуш...
 Нохчийн литературехь Кацаевна безаш, лоруш а яздархой кIеззиг бацара Бадуевна тIера Бексултановна тIекхаччалц. Царна юкъахь С.Арсанов, Х.Ошаев, А.Айдамиров... Амма и кхин литература яра. Царна юкъахь уггар тоьлларш а Iедало хьийзийна я шайн заман идеологино тIеIаткъам бина яздархой бара. (Оцу халчу хьелашкахь а шайн къоман истори вовшахтохарехь къахьегна болу уьш лара а беза, бицбан а ца беза халкъо.) Кацаевна цхьаннех а тера яздан ца лаьара, дуьненан литературехь шен некъ, шен хатI, шен меттиг а лоьхура цо. Оцу маьIнехь аьлча, ван а ву Кацаев Сайд-Хьасан нохчийн литературехь уггар а маьрша, возуш воцу яздархо, пионер. Исбаьхьаллин агIор хилла ца Iаш, ша яздечун чулацамца а.
 Шел хьалха мел ваьхначу нохчийн яздархочун кхоллараллехь Нохч-ГIалгайн обкоман хьу хаало Кацаевна. "И тIеIаткъам кху цIахь мел дешначунна, балхахь мел волчунна а хуьлуш бу. Центрехьчул дуккха а чIогIа охьатаIийна, кхерийна, ладегIа Iемина ду адам пачхьалкхан йистошкахь. Муьлхха политика а Iедало оцу къоман векалшкахула дIакхоьхьу. Диканна, вонна а хьалхабохуш шайн тешаме нах бу церан. Дахаран массо декъахь, сферехь. Цу юкъахь кхоллараллин интеллигенци а. Айдамиров Абузаран "Еха буьйсанаш" оьрсийн, нохчийн а къаьмнийн вежараллин доттагIаллин уьйраш чIагIъярна, тIекхуьу чкъор социалистически дог-ойланехь кхеторна а новкъарло йо аьлла, айинарш, и книга юкъара дIаяккхийтинарш а, школьни хрестоматеш тIера "Маршонан цIарах" романан кортош схьадахийтинарш а Москвара баьхкина кэгэбэшникаш ма-бацара". ("Семинар".)

 4

 ИДЕЙНИ, ИСБАЬХЬАЛЛИН А ЛЕХАМАШ

 Студентан дийцарш дийцаре дале масех дош ала догIу ерриг а циклах, церан башхаллах, яздархочун лехамех, цуьнан йозанан хотIах а.
 Къона шераш. Яздархо уггар а лехамехь волу хан ю и. ХIорд санна йолчу дуьненан литературехь шен аз долуш юкъаван лаьа. Шен меттиг лоьху къоман, дуьненан а литературехь. А.Дюма, В.Скотт, Л.Толстой, Бальзак, Шолохов... Литературан гиганташна юкъахь ца ван, дешархочунна дагах кхета муьлха некъ лаха беза, муха яздан деза? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхуш, керла алфавит, керла йоза, керла хатI кхолларан ойла йо. Тайп-тайпанчу шрифтех, басарех пайда эцча?
 Цунна гергахь литература и еккъа литература, самукъа, мукъа хан яйар  хилла ца Iара, и "исбаьхьаллин куьце дерзийна Iилма ду (истори, этнографи, философи, этика, биологи, медицина а). АтталгIа "робот" бохучу дешан автор а яздархо ву. Математикан, физикан кхиамаш а бу дуккха а хьалха литературехь гучубийлина (Жюль Верн, Герберт Уэллс, Карел Чапек кх. а). Амма яздархочун болх, коьртачу декъана, адамийн синхаамашна тIехьажийна хила безаш бу. Рентгено пехаш санна, схьагайта деза произведенехь адаман дог, цуьнан ойланаш..." ("Автоинтервью".)
 "Илиада", "Одиссея" тIера "Алун шераш", "Еха буьйсанаш" тIе кхаччалц книгаш мел йоьшу а, ша яздан гIерташ къа мел хьийги а кхийтира иза: "цкъа а цхьаммо а алаза хIума дан а дац. Массо хIума а массо заманахь дийцина, хьехийна, яздина а ду. "Иштта хьал хилча, оьший те ас яздан а?" - олий, хаттар кхоллало. Амма яздархо цунах кхиале, яздар цIийх а дулий, яз ца дича ца мегаш, дIахIутту". ("Автоинтервью".)
 Стенах лаьцна яздан деза къоначу яздархочо?
 Оцу хаттарна Кацаевс, Хемингуэйна тIаьххье, жоп ло: шена дика хуучух.
 "ХIора яздархо, уггар хьалха, шен заманан векал, шен заманан билгало а ю. Суна схьахетарехь, кхоллараллехь коьртаниг - ша яздийриг даггара дийцар ду, цхьа а Iехо ца гIерташ. Сюжет а диканиг, говзалла а лаккхара, шен хатI, мотт а хилча дика-м дера ду, амма деккъа церан дуьхьа яздан оьшуш дац. ("Автоинтервью".)
 "Дуккха а яздархой бу, царна юкъахь сан накъостий а, шайна ца хуучух, ца девзачух, ца гиначух лаьцна яздеш. Дешархочунна хьалха шайн дог-ойла дIаелла ца хIуьтту. Уьш дешархо мел  Iехо гIертарх, церан прозах ца теша, хьан дагах ца хьакхало и. Ас даймахках я бераллех лаьцна яздахьара, и дика тIеоьцур дара. Ас волалушшехь схьалаьцнарг чевне тема ю. Яздар -   дешархо  Iехо, дахаран гIайгIанех хадо а гIертар дац. Яздар - уггар хьалха, синтем лехар ду. Сингаттамо, синлазаро, синIийжамо, сатийсамо веш ву стагах яздархо. Стенах лаьцна яздо цо, и гуттар а авторх доьзна дац. Дукха хьолахь гонаха долчу дуьнено, хиламаша хьоьху, доьшу цунна. Яздар - кхоллам бу". ("БIарлагIаш".)
 Шен хенахь нохчийн литературни критико Э.Минкаиловс билгал ма-даккхара, нохчийн яздархойх цхьа а вац Кацаев санна яздархочун балхах лаьцна оццул ойланаш еш ("Орга", 1992, №1). Критикна къоначу яздархочо и ойланаш ян хьалхе хеттехь а, таханлерчу дийнахь цу ойланаша дешархочунна гойтург яздархочун кредо хилла ца Iаш, шуьйрачу маьIнехь аьлча, яздархойн кхоллараллин лаборатори ю. Дуьненан литературехь а дукха масалш карор дац цу кепара нийса хьежамашца яздархочун балхана тIе серло тухуш. 
 Кацаевн кхоллараллина тIехула бIаьрг тоьхча критикашна гуш дерг ду: "турпалхочунна йоI йовзар, езаялар, цхьа хIума бахьана долуш и цунах къастар а". Бакъду, оцу къастамна юкъа-м дуьненан ерриг литература а йогIу. Амма "оьший те цунах лаьцна юх-юха яздан, - боху критико. - Тидамаш тоьар буй те авторна?"
 Уггар хьалха литературни критикна хаа дезарг ду: цу тайпа тидамаш кхачабахь, яздархой а кхачор бу, литература а, хьоста леккъа шовда санна, соцур ю. Муьлххачу дийцаран, романан а тхьум ю и. Диснарг дерриг а, хьаьжкIан буьртигаш санна, цунна гонаха ду. Муьлххачу а исбаьхьаллин произведенехь дахаран  массо а хиламаш, малхана гонаха хьийза планеташ санна, безамна, цабезамна а гонаха доьзна ду. Шен бойно лаьцначу мозана гонаха гезго бузу маша санна, говзачу яздархочо а ерриг социальни проблемаш адаман кхолламца, адамийн юкъаметтигца а юзу. 
 Яздархочун произведенийн турпалхой студенташ, хьехархой, Iилман белхахой, мехкарий а хилар - и авторна, цкъачунна, кхин дуьне гина, девзина а цахилар ду. Ша шахтер велахьара шахтерех лаьцна, эскарехь хилла велахьара салтех лаьцна яздийр дара цо. Иза кхета, ша хIинццалц яздинарг шен кхоллараллехь цхьа мур бен цахилар. Кхоллараллин некъан юьххьехь аьлла долу и дешнаш харц цахилар чIагIдо цуьнан тIаьхьарчу произведенеша.
 Нохчийн яздахошца, критикашца а шен идейни, исбаьхьаллин а къовсамехь агIончаш, гIортор лоьхуш, шен дийцарш доьшу цо. Студенташ болуш дуьйна марзделла дара вовшийн стихаш, дийцарш а доьшуш буьйсанаш такха. Студентийн гонехь дика хеташ хиллехь а, авторан дийцарш баккхийчара тIе ца лоцура.
 Цунна pеза боцчаpа деш гуттаp а цхьа хаттаp дара:
 - ХIун ала гIеpтаpа хьо оцу дийцаpца?
 "ХIоpазза а цаьpга ала хIума а доцуш вуьсу со. Синтаp дIадоьгIначул тIаьхьа хIун бохуp ду? Кхиахь, адмашна стом, хIаваъ а луp цо. Ца доьгIнехь - хIаллакьхиp. Каpахь доллушехь, лаьттах а догIале, кагдан мукъане а ца гIеpтахьаpа цхьабеpш. Я адамийн юкъаpчу бешахь хьан дитто а заза хецаpна  кхоьpу уьш, хьан Iаж шайн Iожал а меpза хилаpна? Амма цеpаниг Iаж белахь, хьайниг кхоp бу. Цеpаниг кхоp белахь, хьайниг баIаp ду. БаIаp а ма ду къаьхьа, чIуьйpиг кхаьллича, я хьен-хьеннан а цеpгаша доха а ца до и. БаIаpан чам хаа лууpг, тIамаpна тIекхача веза…" ("Хьехархо".)
 Амма критикашна цхьана а кепара хьехамаш ца го "Студентан дийцаршна" тIехь. Мелхо а, наггахь, дукха атта аьлла дитний те бохург а хета ("Йижарий", "Хьаша", "Вай зама"). Бакъдолуш, Кацаевн произведенешкахь санна, схьалаца луучунна, хьехам, кхетам болуш произведенеш кIезиг ю нохчийн литературехь. Цуьнан произведенийн оьздангалла, дешархочун беш болу хьехам а могIанашна юкъахь бу: ситуацешкахь, персонажийн юкъаметтигашкахь, цара вовшашка буьйцучу маттаца а, церан гIуллакхашца, гIиллакхашца я и гIиллакх ца хиларца а. Флоберас Мопассанна диначу хьехаршна юкъахь карабо вайна цу тайпа литературни хьежамаш.
 Кацаевн а (ца везачара вульгарни лоруш хиллачу Мопассанан а) кхоллараллехь хьехамаш, Бадуевн дийцаршкахь, повесташкахь санна: "Гой хьуна, дешархо..." - бохуш, тIехула бац, церан хьехам юкъахь бу.
 Дешархочун хьехамаш бар-м дуьненан литературехь ХIХ-чу бIешарахь дуьйна дIадаьллера, амма Iаьрбийн йозанан, нохчийн фольклоран а бух тIехь кхоллаелла йолу нохчийн литература шен заманан оьрсийн литературехьа, цу заманан идеологически хьехамашна а тIе йирзира.
 В.И.Ленина Октябрьски революци а ялале хьалха "Партийни организаци а, партийни литература" а статья тIехь билгалдаьккхинера "йоккха паргIато хила еза шена хетачух а, шен безамах ала а, паргIато хила еза ойланна а, хорманна а, чулацамца а". Амма бакъ хир дац и паргIато Октябран серлоно еара аьлча. Яздархочунна, поэтана а социалистически пачхьалкхехь кхачош дерг пропогандистан, агитаторан дакъа дара. Оцу партийни Iалашонашца, идейни хьежамашца а богIуш боцчу яздархошна меттиг бацара советски литературехь я Советски Союзехь а (И.Бабель, А.Солженицын, И.Бродский, Б.Пастернак, М.Булгаков).
 Нохчийн литературехь-м кхин а доьхна хьал дара. Кхоллалушшехь партийни хилла йолчу нохчийн литературан дукхаха болу векалш хIаллакбира Iедало, биснарш набахтехь, Сибрех а бахкийра.
 Къоналлин шераш Россехь, махкал арахьа а дIадахна волу С.Арсанов, Х.Ошаев а мелла а идеологически хьу кIезиг йолуш, дагчохь кхерам боцуш а вара. Иштта Iедалан харцонаша чахчийна вара М.Мамакаев, I.Мамакаев а. Хрущевн "йовхоно" кхиийра А.Айдамиров а.  Цундела церан произведенеш, уьш кхоьллина Iедал доьхнашехь, яха йисна. Оьрсийн советски литературехь дукха масалш дац цу тайпана.
 Цу дерригенан а ойла еш, нохчийн хьалхарчу поэтех волу А.Нажаевх лаьцначу эссехь Кацаевс яздо: "Яздархо - цхьанне партих а, боламех а возуш воцуш, классови, тайпанийн а кхетамна тIехула хила веза. Дуьненан хьежамаш шен зерашца доьзна хила беза цуьнан". 
 "Кхоллаpалла, Стендальн дешнашца аьлча, - и куьзга ду, боккхачу новкъа воьдуш хьош долу. Некъахь Iаьмнаш, оьрнаш, хатт а хилар, куьзган бехк бац, некъан доладан декхар долчийн бу.  Яздархо - иллиалархо ма вац, вай хаза, цIена некъаш, урамаш, бохуш, зурма лекха. Цундела, шайн зовкх хьоьгуш, набаран тар тесна Iаш болчу нахана, цу тайпана книга араялар, "концертехь тапча кхоссар санна ду". ("Дневник юкъара".)
 Студенчески цикл юкъадогIу дийцарш - стихаш ю ала мегар ду. Цу дийцаршкахь коьртаниг сюжет, хиламаш а бац, - синхаамаш бу. "ХIокху ткъех шарахь суна девзина хIумма а дац, книгаш, зудабераш бен. Цул сов, гIала деша веъча, дерриг а керла дара суна. Къоначу поэтан цу керлачу синхаамаша стихаш кхуллу. Изза стихаш лору ас хIара дийцарш а. Шайн чулацамца, даггара дийцарца а. Вуьшта, поэзехь тIехула аьлла дуьтург, прозехь мелла а деталаш йийца дезаш хуьлу. И башхалла ю". ("БIарлагIаш".)
 Кацаевн дийцарш доьшуш вайна го цунна дуьненан классикийн кхолларалла евзина ца Iаш, и цу тIера дIататтавелла хилар а. Царах нийса кхета дагаяийта еза Э.Хемингуэйн "айсберган" система. ТIехула гушболу ша айсберган цхьа дакъа бен дац. Доккхаха долу дакъа хи чохь, бухахь ду. Дешархочунна ойлаян меттиг юьту Кацаевс хIора дийцарехь. Хьо цуьнан дийцарна реза ца хила тарло, амма бен доцуш ца вуьту цо хьо. Хьан дагах кхета и. Хьоьга ойла йойту цо... И ду яздархочун коьрта декхар. Стаге ойла яйтар. Массо хIуманна а кийчча жоьпаш леха ца деза цхьана а произведенехь.