Алфавит

Саид-Хасан Кацаев
(«Ленинан некъ» газетан редакце БоргIанерчу психбольницера яздина кехат.)

Маса элп ду нохчийн маттахь? Билггал ала хууш цхьа а вуй те? Филолог ву бохуш цIе ю сан а. Со-м ца ваьхьа, хIоккхул я оццул ду аьлла, чIагIдан. Я ас сайн хеннахь ца дешар ду те? ТIаьхьа дагадовлу-кхи вай. Университетехь тхуна хьехначаьрга хаьттича-м, соьл вуо студент хилла а вац-кхи. Со къера ву сайн балхана. Делахь а, цара хьоьхург ца хууш вац со…
Iилманчаша дийцарехь, таханлерчу нохчийн маттахь 49 элп ду. Царах 33 оьрсийн алфавитехь доллу элпаш ду «А» тIера «Я» тIе кхаччалц. Нохчийн маттахь, кириллицан бух тIехь, кхин а I6 элп тIекхета. Шалха элпаш олурш. Мукъий, мукъазий. Уьш кхоллало тIехьа йиъ хьаьрк кхетарца: -х, -ъ, -ь, -I.
Мукъа элпаш: -аь, -уь, -оь, -юь, -яь.
Мукъаза элпаш: -гI, -кI, -къ, -кх, -пI, -тI, -хI, -хь, -цI, -чI.
Уьш пхийттий, ялхийтталгIа -I. И ша лаьтташ ду.
Далор вай масалш: шаьлта, нуьйра, оьпа, юьхк, яьшка, гIабакх, кIалд, къолам, кхакха, пIелг, тIара, хIаваъ, хьоза, цIоз, чIара, Iайг.
Ткъа мича доьлху нохчийн меттан кхин а цхьамогIа аьзнаш? -БI (бIов), -гъ («ваггъай» олий гомашо?), -дI (дIовш), -жI (жIов), -зI (зIе), -мI (мIар), -нI (нIаьна).
Я уьш элпаш дац?
Цаpна, я и санначаpна, хIун дан деза?
Цаpах ала таpлой элпаш?
Хийца дезий уьш а?
Дош хилча, цу юкъахь деpг элп хила дезий?
Цхьатеpа бакъонаш юй, масала, «чIаpа» бохучу дашехь «чI»-ний, «дIовш» бохучу дашехь «дI»-ний? Я башха хIумнаш ду уьш? «ЧI» элп делахь, «дI» дуй элп? Дацахь, хIунда дац?
Иштта оцу хаттаpшна жоьпаш лоьхуш, сиха-сиха доьшу ас «Ленинан некъ».
Кемана тIехь воьдуш хилла боху цхьа воккхастаг. Понтана кара газет а лаьцна. И ма хилла, дакъаза ма даларг, Iуьнкара лаьцна.
Стюардессо:
– Накъост, хIара газет харцахьа лаьцна ахь, – аьлча:
– Нийса лаьцча-м, хьаъа доьшур дара и, – элира боху цо.
Денош деха долуш, дан хIума доцуш а, китайцаша, Iаьрбаша а санна, аьтто агIор схьа аьрро агIо, раз-пурх, Iуьнкар-бертал а яздан, деша а Iемина суна кху чохь. Шуна хуур дарий, масала: йичобар йикснензорг бохург хIун ду? И дера ду: грозненский рабочий. Пхеа-ялх вариантех цхьаъ бен яц и. Мукъачу стагана дага ца догIуш хIун ду?
Цул башха кхетар воцуш хуьлу-кх вайн докторша, къаьсттина кандидаташа а, язйина диссертацеш. Со-м ца кхета царах. Цхьа хIумма а доцург схьалоций, ас «грозненский рабочий» санна, дIахьовзош, схьахьовзош. Цигахь аьттехьа а дан доцу маьIна лоьхуш. Къаьсттина вайн историкаш а бу иштта. Хьенеха хIара аьлла, минеха важа аьлла, оцо и боху, вукхо хIара боху, бохуш, и тептарш вовшахдеттий, шайгара аьлларг хIума а доцуш, нехан книгаш тIера и цитаташ лахьа а йой, вовшахтухий, шаьш цхьа боккха болх бинарш хеташ Iа. Цу тайпана генийш мел дукха бу тхуна юкъахь. Тахана а вайн университете, ца кхоьрруш, лекцеш еша бахийта а мегар долуш. Шайна хьехархоша дуьйцург хIумма а доций хуур ду-кх хьуна студенташна, дуьненан Iилманан кхиаре хьаьжча.
Шоьга хIара кехат яздале дуккха а ойланаш йира ас: «Оьшу те, ца оьшу те?» – бохуш. Бухара адрес гича, шу сайх, ас дуьйцучух а шек хуьлийла а ца лууш, дикка Iийра со, сингаттамо хьийзош. «Соьца дешна, со вевзаш а цхьаъ воцуш хир дац-кха редакцехь», – аьлла, эххар а яздан сацам хилира сан. Кхуза кхачаза волчунна моьтту-кхи, ша хьекъалан да ву. Наггахь, вада ка а даьлла, цIавар нисделча, нехан соьга хьежар тоьар ду. Дукха книгаш ешна, со телхина лору цара. ТIаккха со, жимма сайн самукъа доккхуш, айса лелочух дика кхетташехь, цхьацца забарш ян ма гIерта лула-куларчу зударшца. Iийр бу хьуна, беха ма бахарш, бела а боьлуш, гIад оьхуш, со шайна гилгаш дохуш волуш санна. Ца тахьара, юха-юха тIелелар а бацара, кIархаш дIатегахьара, тубленийн кIажош нисдахьара, бохуш, бахьанаш хьийзош. Мачаш тояран говзалла БоргIанехь караерзийна ас.
Тамашийна бу вайнах. БердакIел аьлча, тIехула берд кхозуш юьрт ю моьтту. БоргIане аьлча, хьерабевллачу нехан юьрт лору. БоргIане ма ю элийн юьрт! (Цхьана хенахь гIумкийн, гIебартойн а элаша йиллина и.) Божарша телефон тухий, я лоьраш шаьш дагабевлла, со дIа а вуьгий, байлахь буьту и зударий. Цхьа а самукъа доцуш. Со кхетамчохь вац бохуш, суна муьшкаш ян ца баьхьа церан цIийнадай. Даима а четахь лелош дедех йисина шаьлта ю сан. Хийла къонах ву царна юкъахь а, ша сан меттехь хуьлуьйтур волуш. Шайна кIордийча, лартIе веана аьлла, волавала йиш елахьара. Наха цкъа яьккхина цIе тIехь юьсуш ма ю. Дика елахь, вуон елахь а.
Айса кехат яздаран бахьана дуьйцуш варий со-м. ХIаъ, ца яздора, шуна телхина хета там бу-кх, бохуш. Зорба тухур ду-кх бохург-м аьттехьа а ца дуьтура ас. Шайн уггар а тоьллачу дешархочун кехатан аш кхин ларам бийр ца хилар новкъа а дара, бакъдерг аьлча.
Делахь а, дукха хан йоццуш хиллачо и ойла карчийра сан. Суьйрана, лоьраш лахбелча, кетIа девллера тхо. Дуьйладелла трасси йисте даьхки. Наггахь воьдуш-вогIучо бепиган булка, сом а кховдадо тхуна, сагIийна олий. Оха и сагIанехьа а дерзадо. Сигаьркаш, пиво а оьций.
МаьркIажа хан хуьлуш яра, новкъахь «Жигули» гучуяьлча. Цхьана хенахь хьалхара чкъург схьа а яьлла, «чIи-и-к» аьлла, лаьттах аьчкаш а такхош, некъа тIера галъяьлла, сеци машен. Цхьажимма и чехка вогIуш хиллехь, цуьнан байлахь бисина доьзал гур бацар-кха хьуна нахана, цуьнан дарже охьаховша а сихлур бара. ТIедаха тхо цунна. Керчина дIаяхана чкъург схьа а еана, некъахь сирникаш летош, охьатаьIIина цхьаъ-м лоьхуш ву хIара. Я тхо ца го сурт хIиттош ву хаац.
– Хьо лаа вуй? ХIун лоьху ахь? – боху оха.
– Чкъурга тIера болташ яйна сан, – боху.
– Хьо-м тхоьл галваьлла ма ву, – боху ас. – Кхаа чкъурга тIера цхьацца болт схьаяккха. Массарна тIехь а кхоккха болт хир ю хьан. ЦIакхаччалц тоьар ю хьуна.
Тхуна юкъахь ша цхьаъ нисвелла, гIеххьа озавелла а вара иза. Карахь дика морзагI а ца сацалуш. Бехк а ца буьллу ас цунна. ЦIахь берш а кхоьру тхоьх, тхо лоьрех санна.
И стаг бохий ас-м, схьагарехь, дикачехь балхахь а волуш, долахь машен (дIахьаьжча цIахь зуда а хир ю), кIайн коч юьйхина, логах галстукан шад а болуш, лаххара а коьрта бухгалтер-м хир вара иза. Кхин хьекъал доцу нах, тхайн больницал арахьа, дуьххьара гуш а вацара со. Даржехь болчу нахана массарна а моьтту хьуна, шаьш нахал а хьекъал долуш бу. Ца хилча уьш муха кхочур бара оцу сийлалле? Доккха хьекъал ма деза стагана, оьшучохь хьаькамна хьаставала, оьшучохь совгIат дан а...
Наха шайх тера воцург Iовдала ма лору. Цундела со цхьанне даржехь вац. Амма хаттал соьга цхьамма, оьрсийн сийлахь революци маца, муьлхачу шарахь хилла? Карлан маж ю еха я Марксан? Алал соьга: ВЛКСМ муха деша деза нохчийн маттахь? Ас эр ду: оьрсийн революци 1985 шарахь яьлла, Iедале коьрта тIехь минга долу паччахь веъча (амма цо новкъарло ца йира меттигерчу Iедална, со шаьш реза доцу къамелаш дан воьлча, кху чу лачкъо). Маж хIунда юьйцу? Ленинан и хилла а яц. Хьажал цуьнан муьлххачу суьрта тIе а. Суна хаа шуна и муха доьшу а. Ваха веза, Лела веза, Карадеана Сом Маладеза. И а, йичобар йикснензорг санна, дуккханнех а цхьа вариант бен яц.
Ас тхайн дахарера масийтта масал далор ду шуна, тхо шуна ма-моьтту Iовдалш цахилар. ГIалара министерствера комисси еанера тхо долчу. Юург, мерг, дийшар, гIовттар, царна бала боцуш хIун ду, тхоьгара хьал доцург? Шайна белхан меттигаш езарна латтош дацахьара, тхоьга цхьа минот а йоккхуьйтур яцара цара кху кертахь. Дача, мача аьлла, хохаш, саьмирсекхаш а буьйр бара. Исс дарба ду ма боху цаьрца. Тхоьгара хIун пайда болу кху Iедална? Хьалха йиллинарг яар бен, кхин хIумманна а гуьнахь доцу. ХIетте а тхо кхузахь, цкъа а буьйшуш боцчу лоьрийн-жандармийн куьйга кIел латтор, цхьа маьIна долуш ду. Хетарехь, оха нахана бакъдерг дийцарна кхоьруш…
Цкъа довда сацам хиллера тхан кхузара. Тхайгара хьал нахана довзийта. Маца, муьлхачу меттехула керта тIехула довла деза а, кийчча план а яра хIоттийна. Цхьана дийнахь шефо гулди тхо.
– Вайн план йоьхна. Керт охьакхетта, – боху.
Коьрта лор (Жандарм), аьлча а, тхан да, тхуна юург латтош верг, тхо кхобуш верг хьалха а ваьлла, хьаланисйи оха керт. (Вайна юкъахь аьлча, цул сийдоцуш стаг хир вац, латта хьошуш.) Цхьамма мотт тоьхна ца хилча, цунна хуур дацара, тхо довда гIертар. Баьццара басар хьакхийти цо кертана. ХIинца цунна гIеххьа цIен бос а кхетта, и хиллац Iаш ду тхо.
Комисси а цунна еана хир йолуш ю хьуна. ГIоли ву боху тхо кхо-виъ стаг вара чукхайкхина. Паше хоьтту:
– Тхо догIу дайча, ламеш тIехь туйнаш кхуьйсучура хIунда сецира хьо? Эхь хийтира хьуна?
Паша Iовдал ма вац. Бакъдерг алахь, карцер чу вуллур ву.
– Царах тасаделла шу хьала ца довлийта, – боху цо.
Жоьпана реза хили комисси.
Iала-Солте боху:
– Массо а сирех дуьзначу аннаш тIе хиъна вара. Ахь буха газет диллинера. Хеча бехъяларна кхоьруш вара хьо?
– Накъостел а лакхавала гIертара со, – эли Iала-Солтас.
Нахана мичара долу а хаац и хIилла!
Десачу бошхепа Iайг хьийзош воллу Гинар а, куьйгех цIе яьлча санна, «хIуп» бохуш.
– Хьо хIун деш ву? – хоьтту цуьнга.
– Юург шелъеш вара со-м, – эли Гинара.
Цуьнан жоьпах а там хили комиссина.
– ХIара Чикобава хIун деш ву вай?
И соьх лаьцна боху. Соьга хатта ца мегаш санна. Массо а соьга хьаьжи.
– Алфавит тIехь болх беш вуй хьо? – бIаьрг теIабо куьзганаш долчо.
Моьттур ду хIара сан бажа ву я соьца бежехь хилла. Сайга диначу хаттарна нийсса жоп дала деза моьттуш, ас боху:
– Алфавит а нийса хIоттийна яц вайн. Масала, хьалхара элп «а» ду. Ткъа хила дезарг «б» ду. ХIунда? Беран багара уггар а хьалха долу аз муьлхург ду? «Ба», – олий, шен нене кхойкхий цо? ШолгIа элп «д» хила деза. Беро, мотт Iемаш, шолгIа олург «да» (дада) ду. КхоалгIа элп «с» (со) ду. Школашкахь а ма Iамадо вай: «Баба, дада, со а, дерриш цхьаьна – бертахь доьзал», – бохуш.
Иштта хьал ду нохчийн алфавитехь. Цу кеппара оьрсийн маттахь а, хьалхара элп «м» (мама), шолгIа элп «п» (папа), кхоалгIа «я» хила деза. Хьаькамийн шайн алфавит ю. Цара кегийра болуш, Iовдала бераша «баба», «дада» а бохучу хенахь, «схьада», «схьада» олу. Баппиш ду-кхи вайн дуьйцург. Цундела, баккхий хилча а, хIумма вуо Iаш бац. ХIинццалц Iилманчаша бина белхаш хIумма а доцург ду, бан безачаьрга хьаьжча. Дешериев, Алироев, Тимаев, Джамалханов, Чокаев, кхиберш а Iачохь дац гIуллакх, шайгара хьалхе яккха ца лаахь. Эхь хетар дац царна, и инзаре талламаш оха бан а бина, шайна хьалха бехкича?
– И накъост ларван везаш ву, – аьлла, дIаяха комисси.
– Тхо юьхьIаьржа хIунда хIиттадо ахь? – дов дин суна Воккхачу Лоьро а.
Шайна хетачуьнца йогIуш йоцу ойла ца езаш Iедал ду вайнехан. Цхьамма цхьа хIума ма-язйинна, о-о, олий, йоккха гIовгIа йоккху, хIара накъост дика лартIехь вац, бохуш. Хуур дара-кх и шайна дагадеанехь! Я гуьржийн махкара академикаша Чикобавас я Имнайшвилис аьлча. Цундела, стаг дукха гена валале, массара а тIедоьрзий, охьатаIаво вай, я хIара санна йолчу меттехь хьулво. Ткъа цхьа хан яьлча, цхьамма, и хьенех-м бакълуьйш ма хилла, алахь, юха а тIаьхьара ала кийча бу. Генийн дарже воккху цара шайн махкахо. ХIаллакьхиллачу стагана хIун пайда бу, хIинца уьш кхетарх а? Я кхетта а моьтту хьуна? Дукхамма боххучунна тIехь бу-кх. (Вайна юкъахь аьлча: Iедало боххучунна тIехь).
ТIейогIуш гуьйре а ю. Гурахь массо а стом хуьлу. ТIаккха тхан кертах а цхьа йист ер ю. Со кхочур ву шун редакце. Дерриг кехат тIехь яздойла яц. Цхьадерг къайлаха дийца дезаш а ду.

1986