Нурди Пашаев. Кацаев Сайд-Хьасанна лерина

Саид-Хасан Кацаев
Хийла ахь дарж хийцарх, ца хийци амал.
Хьайн махкахь веха хьо къахьоьгуш хьаннал.
Ахь динчу къамелехь мекха ца хилла.
Мел гомха некъ хиларх некъах ца тилла.

Даймехкан уьйрашца хьайн дахар доьзна,
Дан деза дика-вуо терзанахь оьзна.
Бакъо-харц къасточохь нийсаниг хоржуш,
ВогIу хьо заманца ирсе гIулч йоккхуш.

Хьайн берийн бераша юьхь-бIаьрг а делош,
Воккхавеш луьстийла ахь маьлхан денош.
Хьайн деган синйовхо безаршна йоькъуш,
Вехийла хьо царна, церан вуо ца гуш.

Виначу денца хьо декъала войла,
Ахь дага мел лаьцнарг хьан кхочуш дойла.
Ирсечу дахаран ма хуьлда доза.
Хьайн даго ма-хьоьхху вехийла гIоза!