ИсмаIал Демеев. Довха дош ала догIург

Саид-Хасан Кацаев
Боккхачу лаамца, сайна Дала беллачу кхетаман цецех чекхдаьккхина ас вайн халкъана вовза а вевзаш, веза а везаш волчу яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан «Дневникаш» юкъара дийцарш: «ТIеман юьххьехь», «Иерусалим яккхар», «Бегемот» кхидерш а.
Уьш кхоьллина волчу авторан тIехдика аьтто болу Даймахкахь хиллачу шина а тIеман сурт хIотто а, церан ша ма-ярра ирча яххьаш гайта а. Цул сов, кхузахь, боккъалла ала догIуш ду, Сайд-Хьасан шен халкъан вуьззина, доьналла а, гIиллакх а, оьздангалла а, къинхетам а, комаьршалла а йолуш къонаха хилар.
ТIаьххьарчу яздаршкахь Кацаевс вайна йовзуьйту нохчийн литературехь керлачех жанраш: миниатюраш, дневникаш а. Нагахь миниатюраш тIехь вайна дукха хьолахь яздархойн юкъаметтигаш, яздархойн балхах, кхоллараллех лаьцна девзинехь, дневникашкахь вай хIинца а къайлаха бен дийца ца даьхьа тIеман къаьхьа бакъдерг ду...
ТIеман хало лайначу халкъана, хIумма лечкъа а ца деш, тIом дIаболабаларан бахьанаш а дуьйцу цо, куьг-бехкенаш Iора а боху. Дешнийн ира цамзанаш а Iуьттуш, Даймехкан мостагIашна чевнаш а йо цо.
Цу тIехь, цхьа а шеко а йоцуш, билгалдолу яздархочун а, халкъан а юкъахь мискъал-зарратал херо цахилар. Ткъа иза лакхара мах хадо а мегар долуш мехала хIума ду. Сайд-Хьасанан белхан къолам, милла а хьоьгур волуш, ша тайпа исбаьхьа болар долуш бу. ПохIма шеца долуш волчу яздархочун гуттара а хуьлу иштта хаза, тамехь синкхача…
Сих а цалуш, кIоргенашка а кхийдаш, ешна йолу цхьа книжка, эзар кхижкийн меттана ю, бохуш хезна суна. Цундела яздархочун дийцарш, бахийта ма-безза тидам тIе а бохуьйтуш, ешначара мелла а шен синкхача алсам боккхур бу аьлла хета суна. ХIунда аьлча, цара коьрта чохь лацаделла хьекъал меттах а доккху, кхин тIемаш ца бовлийта хьалха хIитто дезаш долу декхарш а, Iалашонаш а гойту…
Сайд-Хьасанан дийцарш шайна чохь философски чулацам болуш ду. Церан предложенийн могIанашна юкъахь, хьо хин долчу вонах лар а веш, дикане дIакхойкхуш, ша тайпа инзаре сирла ойла гучуйолу.
Ткъа хIун хьехам бо вайна оцу ойлано?
Сан кхетаме хьаьжча цо боху:
– ХIай, хало лайна адамаш, къаьхьаниг шайна гуттара Iийша ца лаахь, Iамадейша дика а, вон а къасто! Ма сихлойша, хазачу къамелех Iеха а делла, вовза ма-везза дика ца вевзаш волчу стагана тIаьхьа хIитта! Ма дохкалойша ахчанах! Ма къийсийша шайна ца догIу гIанташ! Дахийша бертахь, йижарий а, вежарий а хилла! Къаьхьа делахь а, дийцийша бакъдерг! Сацаяйша харцо! Ойлаяйша, тIаьхьенна хIун дика дитина дIадерза дохку вай, топ а ца кхуссуш йоккхучу пачхьалкхе!

Ца кхоош шен жовхIар хан,
Къахьоьгуш ву Сайд-Хьасан.
Цо беш болчу белхан мах
Лаккхара хадош бу нах.

Вевзаш ву и Даймахкахь,-
ТIеман ловш и лелла къахь.
Юьхьара ша лецна некъ,
ДIахьуш воллу, воцуш шек.

Прозин исбаьхьа шен беш,
Дешнашца ву и варкъеш.
Массаьрца ву гIиллакхе,
Даржан лоьхуш вац лакхе.

Бусалба шен долуш дог,
Дикане цо боккху ког.
Шен син кхача халкъана
ДIалуш ву и тахана…

Вехийла и бIе шарахь,
ГIайгIа, бала боцуш цIахь.
Шортта книгаш язйина,
ПаргIат хилда и сина…

Ойланийн сайн могIанаш
Ас кхиийна адамаш.
Сайд-Хьасанна догIу уьш,
И хестош, ца еттарх туш!

Яздархочун кхоллараллин «куза» тIехь синкхачанан стоьмаш дукха мел хили а, исбаьхьа хуьлу цуьнан чулацам. Оцу куза тIехь шен хьакъ болу меттиг болуш ву Кацаев Сайд-Хьасан Абзуевич. Тахана, шен ойланаш цецех чекх а яьхна, цо вайн тIаьхьенна йитина йиъ прозин произведени: «Iаьнан суьйре», «Яздархочун школа», «Бодашкахь», «Молла-Эсартах лаьцна дийцарш».
И произведенеш ю кIорггера, шуьйра философски маьIна долуш. Цундела церан бакъо ю адамийн ойланан аренашкахь абаде абдаллац яха. Уьш, вайн тIаьхьенан нийса некъ гойтуш ехарг хиларх со шеко йоцуш тешна ву…
Сайд-Хьасан, пхенашца цIий санна, ийна ву хьо халкъаца.
Хьайн дахаран стиглахь цкъа а сингаттаман кхоларш йоцуш, прозин жайнаш де дийне даларца кхуьуш, стамлуш, могаш-маьрша вехийла хьо!
Сайд-Хьасан, хьо тхуна чIогIа оьшуш ву хьуна.
Дала аьтто бойла хьан. Дала тIаьхье беркате йойла.