Iалмирза Медигов. И мехала болх лара хьакъ ду

Саид-Хасан Кацаев
Муьлххачу а нохчочунна бераллин хенахь дуьйна хезна Молла Эсартах долу дийцарш. Иза ца кхочуш нохчийн цхьа а х1усам, ков-керт, юрт, г1ала, к1ошт йисна бохург аьлча, хетарехь, иза г1алат ларарца билгалдоккхур дара. Иза цхьа шатайпа хьекъал долуш, дешан ираллица, меттарчу забарца къаьсташ - иштта амалш, кхоллам болуш хиларца билгал хилла б1еннаш шераш хьалха а. Кху сохьта халкъалахь лораза дайна дац Молла Эсартан къамелаш, леларш. Цунах лаьцна дуьйцу, даладо масалш, дустарш. Цунна "бехкениг" Молла Эсарт ша а хилла: ира хьекъал а, тамехь забар а, шен амалехь хиларна. Цуьнан забар йоца, амма маь1на шуьйра долуш хилла ю даима а.
Тамашийна хеташ делахь а, тахханалц Молла Эсартах лаьцна нохчийн маттахь араяьлла книга яцара. Оцу г1уллакхехь хьалхара г1улч яьккхира вевзаш волчу яздархочо Кацаев Сайд-Хьасана. 2004-чу шеран чаккхенехь зорбане елира С.-Хь. Кацаевн "Молла Эсартах лаьцна дийцарш" ц1е йолу книга. Ас-м цунах 1илманан болх эр дара. Иштта ала дог1уш хета  суна оцу книгах.
Ткъа ша мила хилла те Молла Эсарт? Цунах лаьцна тайп-тайпана дийца тарло. Тайп-тайпанчу къаьмнаша шайн-шайн лору иза. Цхьана аг1ор цунах фольклоран турпалхо алар нийса хета, ткъа кхид1а а цуьнан къамелаш, забарш еша воьлча, х1ах1а, иза цхьана заманахь ваьхна, шен кхерч, ков-керт йолуш хилла ву, боху ойла кхоллало. Муьлххачу а къоман къонах иза хилча а, иза зуламан ох1ла воцуш, дог ц1ена стаг хилла, олий, ойла кхоллало.
Яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан аьтто хилла оцу генарчу заманахь ваьхначу стеган дахарера цхьайолу аг1онаш йовзийта.
Молла Эсарт схьаваьлла юрт, мохк, къам хала ду хадам боллуш билгалдаккха. Цунах дерг тахана а ца девзаш, къастам хилаза, шатайпа къайле а хилла дуьсуш ду. Дахарехь хийцамаш даима а хилла. Молла Эсартан хьокъехь кхоллаелла шеконаш д1а а йовлуш, цу декъехь талламаш бечу 1илманчийн а цхьа кхиам хир бу аьлла хета, нисса я гергарчу хьесапехь вай вийцаре вечу турпалхочун кхоллам нийса билгалбаккхарехь. Бераллин шерашкахь дуьйна вуьйцуш хезна волу Молла Эсарт хийра вац цхьана а къомана. Цхьа а тайпа бахьана а дац иза дуьненарчу халкъех херван, яц цуьнан ц1арах йийца  к1оршамалла я вон амал. Х1ораммо иза хьахаво беламе воккхий, къобалйо цуьнан ойланаш, дешан иралла, забар. Иза масал далош а хьахаво я дустарна валаво.
Юьххьехь ма-аллара, Молла Эсарт дуьнен чохь ваьхна хилар тайп-тайпана дуьйцу. Бераллин хенахь суна а хезна цунах лаьцна баккхийчаьргара доцца: Молла Эсарт Дала кху дуьненчу кхоьллина хилла адамаш г1айг1ане а, сингаттаме а ца хилийтарна лерина. Бакъду, оцу хьостанехь билгалдинчух а тешар доцуш хета, х1унда аьлча дахаран халонаш хиларх, цо даима самукъане латтийна цуьнан заманахьлера халкъаш; массо а маь11е кхочуш, т1елоцуш хилла цуьнан хьекъале, амма иралла йолу муьлхха а забар. Иза масла1атан тхьамда ларар совнаха а, я б1останалла йолуш а хир дацара цхьана а къомана юккъехь, х1унда аьлча Молла Эсартера цхьа а тайпа зуламе долу х1ума гуча ца даьлла цо дуьненчохь яьккхинчу хенахь. И ду коьрта бахьана а, дика тоьшалла а.
Х1аъ, яздархочо Кацаев Сайд-Хьасана шен книгин дешхьалхенехь а далийна, мацах, ас сайна а баккхийчара дуьйцуш хезначух ду, аьлла билгалдинчух хоттаделла лара мегар долуш х1ара тайпа мог1анаш: "Баккхийчара дуьйцуш хезна суна: Мохьмад-Пайхамар д1аваьлча (Делан салам-маршалла хуьлда цунна) бусалба адамаш ч1ог1а г1айг1анехь, балехь а хилла. Цаьргара бала байбан кхоьллина боху Дала Молла Эсарт". Оцу кепан хьокъехь довзуьйтуш билгалдоккху яздархочо С.-Хь. Кацаевс шен книгин "Билгалдахарш" аьлла йолчу аг1онерчу текстехь (сноскица ялийна х1ора а верси). Кхечу 1илманчийн белхашкара ялийна цитаташ, хьостанаш кхачам боллуш ялийна карайо оцу аг1онехь а. Молла Эсартан хьокъехь тайп-тайпанчу хенашкахь 1илманчаша бина белхаш бу уьш.
Соьга хаьттича, цхьа х1ума ду цу т1ехь къасто дог1ург, нагахь иза къасторехь билггал долу тоьшаллаш вайн халкъалахь хилахь. Масала, суна даима а Молла Эсарт, олуш хезна цуьнан ц1е, кхечухьарчу наха (вайн республикехь а цхьаьна) Молла Несарт олий а йоккху и ц1е. Дискусси а йина дийцаре дан оьшуш ца хета суна-м х1ара, х1унда аьлча Молла Несарт аьлла хьахийча а, Молла Эсарт аьлча а иза вевза хьекъале забарча санна. Коьртаниг иза лара дог1уш хета. Муьлххачу а къоман иза велахь а, цуьнан т1ех самукъане хилла дахар вешан маттахь а девза, девзина кхул хьалхарчу заманашкахь а. Муьлхха а ира забар шен цхьа маь1на долуш бен хуьлуш яц. Ткъа и тайпа "говзанча" хилла-кх вай вуьйцуш волу Молла Эсарт а. Цуьнан къамелаш 1ер-дахарехь оьшуш, мехала маь1на долуш карадо, кху къамелехь хьахийна ма-хиллара.
Делан лаамца, Делан хьадалча а, цуьнан т1едахкарш кхочушдеш а стаг хилла иза, бохучух тешар т1едужу цуьнан х1ора а къамел, х1ора а дош беламе, амма маь1на долуш хиларна.
Ойланехь цуьнан сурт х1отто воьлча, кураллех х1ума амалехь доцуш, дог ц1ена, къамелана т1ера воцуш, нах гуллабеллачохь цаьрга ладог1а лаам болуш, хьарамло ца езаш, Далла г1уллакх дар лерина долуш - иштта хетало Молла Эсарт суна а. Иза-м хетарг ду, х1ораммо тайп-тайпана васт кхолла тарло цуьнан, х1унда аьлча иза замане хьаьжжина, нахалахь ша вовзийта ца г1ерташ, х1оранна а самукъа долу аг1о лохуш ваьхна. Цунна ду аьлла хета суна Молла Эсарт дуьненна а вевзаш, везаш хилар.
Яздархочо С.-Хь. Кацаевс д1аяздинчу дийцаршлахь карадо кхечара дийцина, барта олуш хезна а, кхун хьалхарчу хенашкахь кхечеран ц1арах яздина а долу  доцца дийцарш. Уьш дерриш дахаран хиламашца дозаделла, шайн бухехь кхетош-кхиоран маь1на долуш ду. Вуьшта, новкъа-м ду, оцу книгин тираж 1000 экземпляре бен кхочуш цахилар.
Оцу книгех пайда эца мегар ду школашкахь хьовха, лаккхарчу дешаран заведенешкахь доьшуш болчу студенташа а. "Молла Эсартах лаьцна дийцарш" ц1е йолчу книгех лаьцна дийца кхин а хир дара. Цунах лаьцна кхид1а а дош ала йиш хилар а, иза мехала болх хилар а ч1аг1до лакхахь дийцинчо.